Цапни-ЯхӀу-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Цапни-ЯхӀу-пайхамаро Делера кхайкхамаш бора Ӏийса дуьнен тӀе валале ворхӀалгӀачу бӀешеран тӀаьххьарчу декъехь. Ялх бӀе ткъе хьалхарчу шарахь, Ӏийса дуьнен тӀе валале, Юши-ЯхӀу-паччахьо динан юхаметтахӀиттораш динчул хьалха йолчу заманахь дара иза, схьахетарехь. Тептар тӀехь ишттачу хӀуманех лаьцна олуш ду: бохаман цхьа де хир ду, кхечу деланашна Ӏамалъяр бахьанина ЯхӀудан халкъана таӀзар дийр долу; кхечу къаьмнашна а таӀзар дийр ду Везачу Эло; Ярушалайм-гӀала бохамна лерина елахь а, цхьа хан дӀаяьллачул тӀаьхьа и гӀала юхаметтахӀоттор ю, ткъа гӀалахь цхьа таьӀна а, Делан лаамехь долуш долу а халкъ дехаш хир ду.
11- 1:1 ТӀаьххьарнаш 22:1–23:30; 2 Шерашкахь 34:1–35:27. ХӀара бу яхӀудхойн паччахьан Аминан кӀанта Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кӀанте Цапни-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхӀун кӀентан Амар-ЯхӀун кӀант хилла.
Везачо Эло бекхам бийр долу де
2 «Лаьтта тӀера дерриг хӀума а дӀадойур ду Ас, – боху Везачу Эло. – 3 Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а дойур ду, Ӏесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цӀуш а дӀабохур бу. Ас лаьтта тӀера адамаш хӀаллакдина дӀадохур ду, – боху Везачу Эло.
4 Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхӀудан халкъана а, Ярушалайм-гӀалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаӀал-харцдалла Ӏамал еш диснарг хӀаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дӀабирзинчу динан дайн а цӀераш кхин цкъа а багах йохур яц. 5 Тхевнна тӀе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хӀорра а хӀаллаквина дӀавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Ӏибадат а деш, тешаме хила чӀагӀо а еш, амма шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш+ 1:5 *Шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш *– я иштта: *оцу тайпана МилкӀом-харцдалла тешаме хила чӀагӀо йийраш.* а хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. 6 Веза Эла волчу Суна тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хӀаллакбийр бу Ас».
7 Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дӀасовца! ХӀунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагӀина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш. 8 «СагӀа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таӀзар дийр ду элашна а, паччахьан кӀенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тӀе духучарна а. 9 Ас таӀзар дийр ду неӀсагӀина тӀехула лелхачарна а, шайн олахочун цӀа+ 1:9 *Шайн олахочун цӀа *– я иштта: *шайн харцделан цӀа.* къизаллех а, харцонех а дузучарна а.
10 Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – ЧӀерийн кевнехь цӀогӀа детташ хезар ду, гӀалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тӀера церан дохоран чӀогӀа гӀовгӀа хир ю. 11 Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу.
12 Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таӀзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна. 13 Церан хьал хӀонс санна схьадоккхур ду, церан цӀенош а дассор ду. Цара цӀенош дӀахӀиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагӀар муьйлур дац».
14 Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чӀогӀа сихделла а догӀу. ЛадогӀал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тӀемалочо а цӀогӀа детташ ду! 15 И де – оьгӀазаллин де ду, гӀайгӀанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Ӏаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, 16 коьман маӀа лекхаран а, тӀеман цӀогӀа тохаран а де. ТӀелатарш хир ду чӀагӀйинчу гӀаланашна а, лекхачу бӀаьвнашна а дуьхьал.
17 Везачу Эло боху: «Адамаш бӀаьрзенаш санна леллал чӀогӀа гӀайгӀанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цӀий, чан санна, дӀасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дӀасакхиссина хир ду».
18 Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.
2Далла тӀедерзаре тӀекхайкхар
1 Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ, 2 Делан сацам кхочушхилале, Далла тӀедерзаран де, мохо кегаш дӀахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгӀазалла шайна тӀеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тӀекхачале. 3 Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.
Исраил-махкана гонахарчу халкъех лаьцна бина сацам
4- 2:4-7 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Закри-ЯхӀу 9:5-7. Ӏази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю. 5 Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн+ 2:5 *Кератхой *– иза «пӀелаштамхойн» кхин цӀе ю.* халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой». 6 ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу. 7 И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.
8- 2:8-11 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 15:1–16:14; 25:10-12; Ярми-ЯхӀу 48:1-47; Яхьазкхиал 25:8-11; Ӏамос 1:13-15; б: Ярми-ЯхӀу 49:1-6; Яхьазкхиал 21:28-32; 25:1-7. Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а. 9- 2:9 Доладалар 19:24. Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».
10 Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. 11 Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.
12- 2:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 18:1-7. Шу а, хушахой, Сан туьро хӀаллакдина хир ду.
13- 2:13-15 ЕшаӀ-ЯхӀу 10:5-34; 14:24-27; Нахьум 1:1–3:19. Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. 14 Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду. 15 Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
3Ярушалаймхойн къинош а, уьш паргӀатбахар а
1 Декъаза ю боьха а, сийсазъяьлла а, гӀело еш йолу а гӀала! 2 Делан озе ла ца дугӀу цо, ша нисъяйтар тӀе ца оьцу. Иза Везачу Элана тӀе ца тевжа, шен Далла юххе ца гӀерта. 3 Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гӀигӀ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьӀахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу. 4 Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агӀор хуьйцу цара. 5 Веза Эла оцу гӀалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХӀора Ӏуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хӀун ду ца хаьа.
6 Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хӀаллакдина, церан чӀагӀонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хӀинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гӀаланаш хӀаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац. 7 Ас гӀалане бехира: „Соьга ларамах юьзна хилалалахь, Ас хьо нисъяр тӀеэцалахь!“ Иза иштта леллехь, цуьнан Ӏаш йолу меттиг йохийна хир яцара, цунна мел лерина таӀзар Ас дийр дацара. Амма цунна хӀетте а дерриг а шен гӀуллакхашна тӀехь телхина мел дерг дан лаьара.
8 Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан+ 3:8 *Грекийн гочдар тӀехь: *царна дуьхьал тоьшалла дан. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *царах хӀонс яккха.* Со гӀоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тӀегулдар а, пачхьалкхаш тӀегулъяр а, Сайн оьгӀазалла царна тӀе Ӏанорхьама а, Сайн чӀогӀа дералла царна тӀе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цӀаро дерриг а латта дӀакхоллур ду.
9 ТӀаккха Ас юха а халкъашна цӀена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гӀуллакх дайтархьама а. 10 Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доӀа дечара, Ас дӀасадаржийначу халкъо, Суна совгӀаташ дахьар ду. 11 Оцу дийнахь, Сан халкъ, Суна дуьхьал айхьа мел лелийначу гӀуллакхех хьуна эхь хета кхин оьшур дац, хӀунда аьлча оцу хенахь хьуна юкъара шайн кураллех сакъералуш берш Ас дӀабохур бу. Сан безачу лам тӀехь кхин дозаллаш дийр дац ахь. 12 Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу. 13- 3:13 Довзийтинарг 14:5. Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагӀий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
Самукъане хиларе тӀекхайкхар
14 Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоӀ!+ 3:14 *Цийонан йоӀ *– иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.*
Доккхаде, Исраилан халкъ!
Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила
Ярушалайм-гӀалин йоӀ!
15 Везачу Эло таӀзар шуна тӀера дӀадерзийна,
шун мостагӀа а эккхийна!
Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву –
шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза.
16 Цу дийнахь Ярушалайме иштта эр ду:
«Ма кхера, ва Цийон!
Хьайн куьйгаш гӀел ма далийта!
17 Шун Веза Дела шуна юкъахь ву,
Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву.
Шух сакъералуш воккхавер ву Иза,
Шен безамца шу карладохур ду Цо+ 3:17 *Грекийн гочдар тӀехь: *Шен безамца шу карладохур ду Цо. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Шен безамца шух лаьцна вистхир вац Иза.*,
шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
18 Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош
даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча,
царах хӀонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а,
Ас уьш юха схьагулбийр бу.
19 Хьуна гӀело мел йиначарна
таӀзар дийр ду Ас оцу хенахь.
АстагӀа леларш кӀелхьарбохур бу,
дӀасабаржийнарш тӀегулбийр бу.
Ас уьш лоруьйтур бу, гӀарабохур бу
уьш сийсазбохучу хӀокху дерриге а лаьтта тӀехь.
20 Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду,
оццу дийнахь схьа а гулдийр ду.
Ас шу гӀарадохур а ду, лоруьйтур а ду
лаьтта тӀера массо а халкъашна юкъахь,
Ас шун бӀаьргашна хьалха
шун аьтто юхаметтахӀоттийначу хенахь», –
боху Везачу Эло.