Закри-ЯхӀу-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Закри-ЯхӀу-пайхамаран тептар нийсса шина декъе декъало: 1) Дала Закри-ЯхӀу-пайхамарехула бина болу хаамаш, Ӏийса дуьнен тӀе валале 520-чу шарера дуьйна 518-чу шарна тӀекхаччалц (кортош 1–8). И хаамаш дукхахьолахь суьрташкахула беш бу. Царна чохь дуьйцуш ду Ярушалайм-гӀала юхаметтахӀотторах лаьцна а, Делан цӀа юха дӀахӀотторах лаьцна а, Делан халкъ цӀандарх лаьцна а, Дала леррина Къобалвинчун зама кхочург хиларх лаьцна а; 2) ШолгӀачу декъехь бу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна а, тӀаьххьарчу кхелах лаьцна а болу пайхамарехула Дала белла хаамаш (кортош 9–14).

1

Закри-ЯхӀу-пайхамарна хӀиттийна суьрташ

Везачу Элана тӀедерзаре кхайкхам бар

1- 1:1 Ӏезар 4:24–5:1; 6:14. Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира: 2 «Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана. 3 ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву. 4 Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. 5 Шун дай – уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим? 6 Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».

Дой гуш сурт хӀоттар

7 ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь – иза шабат олу бутт бу, – Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 8- 1:8 а: Довзийтинарг 6:4; б: Довзийтинарг 6:2. Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу. 9 Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» – аьлла.

Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу». 10 Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла.

11 Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду».

12 Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»

13 ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира. 14 Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со. 15 Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’. 16 Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“.

17 Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».

МаӀаш гар

18 Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира. 19 Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» – аьлла, хаьттира ас.

Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла.

20 Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира. 21 «Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» – аьлла, хаьттира ас.

Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама».

Латта дусту тӀийраг гуш сурт хӀоттар

2

1 Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. 2 Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» – аьлла.

Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама».

3 ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара. 4 Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю. 5 Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».

Йийсаре дӀабигначаьрга цӀа дерзаре кхайкхар

6 «Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. – 7 ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!» 8 Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла. 9 Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш».

Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.

10 «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ!+ 2:10 *Цийон-ломан йоӀ *– иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.* ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – 11 Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. 12 Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю».

13 ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.

3

Коьрта динан да гуш сурт хӀоттар

1- 3:1 а: Ӏезар 5:2; б: Довзийтинарг 12:10. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа+ 3:1 *ШайтӀа *– иза иблисан кхин цӀе ю.* а схьагайтира. 2- 3:2 ЯхӀуда 1:9. Везачу Эло элира шайтӀане: «Ва шайтӀа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гӀала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦӀерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?»

3 Ткъа ЮшаӀ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. 4 Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДӀаяха цунна тӀера боьха бедарш». Ткъа ЮшаӀе иштта элира: «Хьажал, хьуна тӀера къа дӀа а даьккхина, ас хьуна тӀе хаза духарш духур ду».

5 Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тилла». Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тиллира, дегӀа тӀе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара.

6 Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаӀе иштта дӀа а элира: 7 «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара. 8- 3:8 Ярми-ЯхӀу 23:5; 33:15; Закри-ЯхӀу 6:12. ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг. 9 Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа. 10- 3:10 Мика-ЯхӀу 4:4. Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хӀораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кӀелахь Ӏа шайн уллораниг хьошалгӀа кхойкхур ву“».

4

Стогар гуш сурт хӀоттар

1 Соьга дистхуьлучу малико, юха а деана, со самаваьккхира, набарха самадоккху адам санна. 2 Цо соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла.

Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тӀехула зайтдаьттанна дӀахӀоттийна кад а, цунна тӀехь болу ворхӀ къуьда а, цунна тӀехь болчу къуьданийн ворхӀ-ворхӀ милт чухӀотто меттиг а. 3- 4:3 Довзийтинарг 11:4. Стогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агӀор, ткъа важа цуьнан аьрру агӀор». 4 Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хӀун ду?» – аьлла.

5 Соьца къамел дечу малико, соьга жоп а луш, элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?»

«Сан олахо, ца хаьа суна-м», – элира ас.

6- 4:6 Ӏезар 5:2. Соьга жоп а луш, цо элира+ 4:6 *Цо элира *– йолхалгӀачу аята тӀера уьтталгӀачу аятан хьалхарчу декъе кхаччалц аяташкахь дуьйцуш дерг коьртачу къамелана юкъадалийна ду.*: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – 7 Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“».

8 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 9 «Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла. 10- 4:10 Довзийтинарг 5:6. КӀеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хӀокху ворхӀ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бӀаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу».

11- 4:11 Довзийтинарг 11:4. ТӀаккха цунна дуьхьал хаттар дира ас: «ХӀун маьӀна ду стогаран аьтту а, аьрру а агӀор долчу шина зайт-диттан?» 12 ШозлагӀа а хаьттира ас: «ХӀун маьӀна долуш ду шина дашочу биргӀанна чуьра дашо даьтта охьаӀеночу зайт-диттан ши га?»

13 Цо соьга элира: «Хьуна ца хаьа, иза хӀун ду?»

Ас жоп делира: «Сан олахо, ца хаьа суна-м», – аьлла.

14 ТӀаккха цо хӀара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гӀуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».

Стигалахь лелаш, схьадаржийна хьарчош долу тептар гуш сурт хӀоттар

5

1 Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийра: стигалахь лелаш схьадаржийна тептар дара. 2 Малико соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна?» – аьлла.

Ас жоп делира: «Стигалахь лелаш схьадаржийна тептар го суна. Цуьнан йохалла ткъа дол ду, шоралла итт дол ду».

3 Малико соьга элира: «Цунна тӀехь яздина ду берриге а ЯхӀуд-махка тӀехь болчарна тӀедогӀу неӀалт. ХӀунда аьлча лачкъош мел верг дӀаваьккхина хир ву, цхьана агӀор яздина ма-дарра, харц дуй бууш мел верг а дӀаваьккхина хир ву, вукху агӀор яздина ма-дарра». 4 «Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».

Черман чохь зуда гуш сурт хӀоттар

5 Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бӀаьргаш хьала а айабай, арадолург хӀун ду хьажал».

6 «И хӀун ду?» – аьлла, ас шега хаьттича, цо элира: «И арадолург черма ду. Иза берриг а махка тӀехь болчеран зулам+ 5:6 *Грекийн гочдар тӀехь: *зулам. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *сибат.* ду».

7 Оцу хенахь дошах дина цуьнан негӀар хьалаайира. Черман чу хиъна цхьа зуда яра.

8 Малико элира: «И зуда – еккъа Ӏесалла ю». Иза а аьлла, цо и зуда черман юккъе кхоьссира, ткъа черманна тӀе дошан негӀар кхоьссира. 9 Сайн бӀаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хӀара дара: ши зуда гучуелира, церан тӀемашца мох бара, ткъа церан тӀемаш чӀерийдохучун тӀемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дӀадаьхьира.

10 «Стенга дӀахьош ду цара и черма?» – хаьттира ас сайга дистхуьлучу малике.

11 ТӀаккха цо соьга иштта элира: «ШанӀар-махка+ 5:11 *ШанӀар-мохк *– иза Бавел-мехкан шира цӀе ю. Цунах лаьцна хьахадо «Доладалар» цӀе йолчу тептар тӀехь 11:2.* дӀахьош ду, цигарчу лаьтта тӀехь цунна Ӏибадат даран цӀа дархьама. Ткъа и дерриг а кечдина даьлча, иза цигахь шен бух тӀе дӀахӀоттор ду, нахе цунна Ӏибадат дайтархьама».

6

Йиъ гӀудалкх гуш сурт хӀоттар

1 Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара сурт го: шина ломана юккъерачу чӀожа чуьра арайолуш йиъ гӀудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду. 2- 6:2 а: Довзийтинарг 6:4; б: Довзийтинарг 6:5. Хьалхарчу гӀудалкхахь расха говраш ю, шолгӀачу гӀудалкхахь Ӏаьржа говраш ю, 3- 6:3 Довзийтинарг 6:2. кхозлагӀчу гӀудалкхахь кӀайн говраш ю, ткъа йоьалгӀачу гӀудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. 4 Сайга дистхуьлучу малике къамел дӀа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хӀун ду?»

5- 6:5 Довзийтинарг 7:1. Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дӀахӀиттинчул тӀаьхьа араболуш болу».

6 Ӏаьржа говраш шайгахь йолу гӀудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кӀайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. 7 Онда говраш, араевлча, лаьтта тӀехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира. 8 ТӀаккха, со дӀа а кхайкхина, цо элира: «Хьажал, къилбаседерчу лаьтта тӀе араевллачу говраша цигахь хилла йолу Сан дералла дӀаяьккхина».

ЮшаӀана тӀе таж дилла омра дар

9 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 10 «ХӀокху дийнахь хьо-хьуо Цапни-ЯхӀун кӀентан Юши-ЯхӀун цӀа ваха веза. Бавел-махкахь болчу йийсарехь болчаьргара хӀинцца юхабирзинчу Хьелдайгара а, ТӀуби-ЯхӀугара а, ЯдаӀ-ЯхӀугара а совгӀат схьаоьцур ду ахь цигахь. 11 Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла. 12- 6:12 Ярми-ЯхӀу 23:5; 33:15; Закри-ЯхӀу 3:8. Цуьнга дӀаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо. 13 Везачу Элан цӀа дӀахӀоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тӀеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гӀанта тӀехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гӀанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. 14 Ткъа и таж Везачу Элан цӀа чохь хир ду, Хьелдай+ 6:14 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *Хьелдай. *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *Хьелам.* а, ТӀуби-ЯхӀу а, ЯдаӀ-ЯхӀу а дагаваийтархьама а, Цапни-ЯхӀун кӀанта Юши-ЯхӀус дина дика дагадаийтархьама а.

15 Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».

7

Закри-ЯхӀу-пайхамарехула бина хаамаш

Даггара доцу марханаш емалдар

1 Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу доьалгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан – цунах Кислав олу – доьалгӀачу дийнахь Закри-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира.

2 Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а+ 7:2 *Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а *– я иштта: *Бетал-гӀаларчу наха бахийтинера Шар-Эцар а, РегӀам-Малик а, цуьнан нах а.* массо а ницкъийн Везачу Элан цӀа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгӀачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» – аьлла.

4 ТӀаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира: 5 «ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза? 6 Шаьш хӀума юуш, шаьш молуш шайн дуьхьа ца йоу аша, шайн дуьхьа ца молу аша?“

7 Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дӀакхайкхош дерш, Ярушалайм-гӀала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегӀаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»

Исраилхой йийсаре дӀабигаран бахьанаш

8 Везачу Элан дош кхечира Закри-ЯхӀуга: 9 «Массо а ницкъийн Везачу Эло хӀетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш. 10 Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тӀевеанчунна а, мискачунна а гӀело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.

11 Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дӀабоьрзура уьш, шайн лергаш дӀакъовлура цара, Со шайна ца хазийта. 12 Шайн дегнаш чӀагӀдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тӀееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгӀазло. 13 Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догӀаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугӀура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 14 Цундела, дарцо санна, Ас дӀасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тӀаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тӀехула дӀаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».

8

Везачу Эло Ярушалайм-гӀала меттахӀотто ваӀда дар

1 Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Боккхачу безамах вуьзна ву Со Цийоне. Цу гӀалин мостагӀашка йолчу чӀогӀачу оьгӀазаллех вуьзна ву Со“. 3 Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тӀе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гӀала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“. 4 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Ӏийр бу, шаьш баккхий хиларна Ӏасанаш кара а лаьцна. 5 Цу гӀалин урамаш ловзучу кӀентех а, йоӀарех а дузур ду“.

6 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бӀаьргашна а тамашийна хилча, Сан бӀаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. 7 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кӀелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара. 8 Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.

9 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хӀара дешнаш хӀинца дӀахезаш долчу аша шайн куьйгаш чӀагӀделаш, Делан цӀа юхаметтахӀотторхьама. 10 И денош тӀекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагӀчуьнгара синтем бацара. Ас хӀора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира. 11 Ткъа хӀинца хӀокху халкъах бисинчарна Со хӀетахьлера санна вац, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12 Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хӀокху дисинчу халкъана дӀалур ду. 13 Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“

14 ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгӀазвахийтинчу хенахь, Ас шу таӀзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дӀа ца яккхаре терра, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – 15 Ас юха а билгалдаьккхина хӀокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхӀудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш! 16- 8:16 Эпасхошка 4:25. Аша дан дезарш хӀара гӀуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гӀуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама. 17 Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хӀунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло.

18 Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга: 19 «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгӀачу а, пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а, уьтталгӀачу а беттан марханаш ЯхӀудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дӀахӀуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.

20 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТӀейогӀучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гӀаланийн бахархой а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур бу. 21 Цхьана гӀалин бахархоша, вукху гӀалин бахархошна тӀе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гӀо вай. Со а воьду цига’, – аьлла. 22 Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. 23 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхӀудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дӀагӀур ду, хӀунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».

9

Исраилан халкъ а, кхин къаьмнаш а

Гонахарчу халкъашна тӀехь кхелъяр

1- 9:1-4 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:26; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14. ХӀара хаам Везачу Элера бу:

ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу+ 9:1 *Я иштта: *Исраилан массо а тайпанийн санна, массо а адамийн бӀаьргаш Везачу Элана тӀебирзина бу.*. 2 Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а. 3 Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. 4 Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю. 5- 9:5-7 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7. И дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац. 6 Ашдод-гӀалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПӀелаштамхойн куралла Ас йожор ю. 7 ЦӀий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цӀушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПӀелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхӀудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Ӏекхранхой, явсайхой+ 9:7 *Явсайхой *– Ярушалайм-гӀалин дуьххьарлера бахархой бара уьш. Дауд-паччахьо и гӀала схьалаьцначул тӀаьхьа, уьш цунна муьтӀахь бинарш хилира.* санна, хир бу. 8 Эскаро санна, Ас Сайн хӀусам ларйийр ю, цхьа а тӀемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гӀело йийриг кхин махка чувер вац, хӀунда аьлча Со хӀинца Сайн бӀаьргашца церан дуьхьа хьоьжу».

Хинволу Паччахь

9- 9:9 Маттай 21:5; Яхьъя 12:15. Везачу Эло боху:

«ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ!

хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ!

Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш!

Нийса а, толам баьккхина а ву иза.

Делахь а цуьнан эсала амал ю

Иза вирана тӀехиъна вогӀу,

боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!

10- 9:10 Забур 71:8. Ас Эпрайм-махкара+ 9:10 *Эпрайм-мохк *– иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх ю.* тӀеман гӀудалкхаш дӀайохур ю,

Ярушалайм-гӀалара тӀеман дой дӀадохур ду,

ткъа тӀеман Ӏад кагдина дӀадаьккхина хир ду.

Оцу паччахьо халкъашна машар дӀакхайкхор бу.

Цо олалла дийр ду цхьана хӀорда тӀера вукху хӀордана тӀе кхаччалц а,

Эпрат-хина тӀера дуьненан йистошка кхаччалц а.

11- 9:11 Арадаккхар 24:8. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча,

Айса хьоьца цӀийца чӀагӀбина бинчу бертан дуьхьа

кхечу махка йийсаре дӀабигна хьан нах,

хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу.

12 Юхадерза шайн гӀопана тӀе, сатуьйсу йийсархой!

Тахана Ас дӀакхайкхадо, Ас шу хьалхачул шозза алсам декъалдийр ду.

13 ЯхӀуд, Ӏад санна, Сайна тӀеозор ву Ас,

пхерчий санна болчу Эпраймах дузур ду и Ӏад.

Хьан бахархой, Цийон, бохур бу Ас

грекийн мехкан бахархошна дуьхьал.

Царах эскархочун тур дийр ду Ас».

14 Веза Эла царна тӀехула гучувер ву.

Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Ӏад.

Хьалдолчу Эло коьман маӀа екор ю,

Иза къилберачу дарцашца дӀаволалур ву.

15 Массо а ницкъийн Везачу Эло ларбийр бу уьш.

Цара шайн мостагӀий дӀакхоллур бу,

церан ширдолагийн тӀулгаш а хьоьшур ду.

Муьйлур ду цара, гӀовгӀанаш а йийр ю,

чагӀаро бахийча санна.

Уьш бузур бу, сагӀин кад санна,

сагӀа доккхучу кхерчан сенаш санна.

16 Цу дийнахь церан Везачу Дала

Шен халкъ кӀелхьардоккхур ду,

Ӏуьно шен жа кӀелхьар-ма-даккхара.

Таж тӀера тӀулгаш санна,

уьш Цуьнан лаьтта тӀехь лепар бу.

17 ЭхӀ-хӀай, мел исбаьхьа а, хаза а хир ду Цуьнан халкъ!

КӀен ялто а, керлачу чагӀаро а,

кегий нах а, мехкарий а денбийр бу.

10

Везачу Эло халкъ кӀелхьардоккхур ду алар

1 Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а. 2- 10:2 Маттай 9:36; Марк 6:34. ЦӀуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гӀенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагӀий санна, тилабелла лела. Царна гӀело а йо, царна тӀехь Ӏу воцу дела.

3 Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду+ 10:3 *Ӏуй... бежалой *– кхузахь уьш кхечу къаьмнийн куьйгалхой бу.*. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу. 4 ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а. 5 ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.

6 Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду,

Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду.

Ас уьш юхаберзор бу,

Со царна къинхетаме хилла дела,

ткъа уьш а хир бу,

Ас дӀа ца тесча санна.

Со церан Веза Дела ву,

Цара орца даьккхича,

Ас царна жоп лур ду.

7 Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу.

Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна.

Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу.

Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.

8 Ӏуьно шок тохарца санна хаам а бина,

Ас уьш схьагулбийр бу.

Мах а белла, Ас паргӀатбохур бу уьш.

Хьалха санна, шортта хир бу уьш.

9 Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а,

генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш.

Цара шайн бераш а кхиор ду,

и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.

10 Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу,

Ашур-махкара а схьагулбийр бу,

ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш,

амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.

11 Баланийн хӀордахула чекхбевр бу уьш,

цара хӀордан тулгӀенаш йохор ю,

ткъа Нил-хин кӀоргенаш якъалур ю.

Ашур-мехкан куралла лахйийр ю,

Мисар-мехкан ницкъ дӀабер бу.

12 Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чӀагӀдийр ду.

Сан цӀарах уьш лелар бу», – боху Везачу Эло.

11

Везачу Эло нуьцкъала пачхьалкхаш эшор

1 Ливанун-мохк, дӀаделла хьайн кевнаш,

цӀере хьан баганан-дитташ дӀакхаллийтархьама!

2 Делха, зоьзан-дитт,

баганан-дитташ охьаэгна дела,

и даккхий дитташ хӀаллакдина дела.

Делхийша, Башанан нежнаш,

луьста хьаннаш дӀахедийна дела.

3 ЛадогӀа Ӏуйн белхарийн аьзнашка –

церан сийлахь дежийлаш дӀа ма евлла!

ЛадогӀа къоначу лоьмийн гӀигӀ даре –

Йордан-хин боьлак хӀаллак ма йина!

Ши Ӏу

4 Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагӀий. 5 УьстагӀий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Ӏушна а царах къа ца хета.

6 ХӀокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, – боху Везачу Эло. – Царах хӀорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дӀалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хӀаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».

7 Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагӀий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цӀераш а техкина, уьстагӀий дажош Ӏийра со. 8 ЖаӀуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кӀордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара. 9 ТӀаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагӀий дажор дац. Леш берш лойла, хӀаллакьхуьлуш берш хӀаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла». 10 Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош. 11 Оццу дийнахь и барт бохийра. ТӀаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла. 12- 11:12, 13 Маттай 27:9, 10. - 11:12 Маттай 26:15. Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТӀаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна.

13 Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало+ 11:13 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Уьш пхьерана дӀало. *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *Уьш Делан цӀийнан хазнина дӀало.* – иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира. 14 «Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхӀудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.

15 Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаӀуйн гӀирс хьайца схьаэца. 16 ХӀунда аьлча хӀокху махка тӀехь Ӏу дӀахӀотто воллу Со, леш долчу шен уьстагӀийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.

17 Декъаза ву Сан телхина Ӏу, жа дуьтуш волу!

Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бӀаьргана а тухийла.

Цуьнан куьг кхоччуш заьӀап хуьлда,

аьтту бӀаьрг а кхоччуш бӀаьрса доцуш буьсийла».

12

Ярушалайм-гӀала кӀелхьаръяларх лаьцна хиндерг дийцар

1 Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху: 2 «Хьажал, Ярушалайм-гӀаланах чагӀаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дӀа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гӀалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхӀудан халкъе а иза молуьйтур ду.

3 И де тӀекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тӀулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гӀиртинчо шена чӀогӀа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гӀалина дуьхьалдевр ду. 4 Цу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Аса муьлхха а говр Ӏадор ю, ткъа цуьнан дошло хьекъалх воккхур ву. Сайн бӀаьргаш Ас ЯхӀудан халкъана тӀехьажор бу, иза лардархьама, амма мостагӀийн массо а говраш бӀарзйийр ю Ас. 5 ТӀаккха ЯхӀудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гӀалин бахархоша тхо иракарахӀиттош ду“. 6 Цу дийнахь Ас ЯхӀудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цӀевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агӀор а дӀакхоллур ду, ткъа шаьш Ӏийначу Ярушалайм-гӀалахь адамаш кхидӀа а маьрша дехаш хир ду. 7 Везачу Эло цкъа хьалха яхӀудхойн эскар кӀелхьардоккхур ду, Даудан цӀийнан а, ярушалаймхойн а сийлалла ЯхӀудан халкъан долчул лакха ца далийтархьама. 8 Цу дийнахь Везачу Эло ярушалаймхой ларбийр бу. Царна юкъара уггар а гӀорасиза верг а, Дауд-паччахь санна, ницкъ болуш хир ву, ткъа Даудан цӀа царна хьалха Дела санна а, Везачу Элан Малик санна а хир ду.

9 И де тӀекхаьчча, Ярушалайм-гӀалина тӀелеташ долу дерриг а халкъаш хӀаллакдан волалур ву Со. 10- 12:10 Яхьъя 19:37; Довзийтинарг 1:7. - 12:10-14 Маттай 24:20; Довзийтинарг 1:7. Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра. 11 Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду. 12 Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, 13 Левин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, ШамаӀин цӀийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, 14 дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу».

13

1 «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду.

2 И де тӀекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду. 3 Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.

4 И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна. 5 ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву+ 13:5 *Цхьадолчу гочдарш тӀехь: *лаьтта тӀехь болх беш ву. *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *цхьаммо сох лай вина.*“. 6 Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, – аьлла».

ЖаӀуьнан а, жен а кхоллам

7- 13:7 Маттай 26:31; Марк 14:27. «ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе,

Суна уллора волчу стагана тӀе, –

боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –

Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь,

жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду.

Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.

8 Берриге а махкахь иштта хир ду, –

боху Везачу Эло, –

ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду,

ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.

9 И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду.

Дети лаладаре терра, лалор ду иза,

деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду.

Соьга кхойкхур бу уьш,

ткъа Суна хезар бу уьш.

Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“.

Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»

14

ТӀаьххьара тӀом а, Веза Эла схьавар а

1 Хьажал, Везачу Элан цхьа де тӀекхочуш ду. И де тӀекхаьчча, шуьгара яьккхина хӀонс мостагӀаша шун бӀаьргашна хьалха дӀасайоькъур ю шайна юкъахь. 2 Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тӀом бан схьагулдийр ду. ГӀала схьаяьккхина хир ю. ЦӀеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГӀалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гӀаланах дӀахадийна хир дац. 3 ТӀаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тӀом бийр бу, тӀеман дийнахь Ша тӀом ма-барра. 4 Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гӀалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тӀехь дӀахӀуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогӀица. Ах лам къилбаседехьа дӀабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дӀабер бу. 5 Ацала кхаччалц дӀаяьржина йолчу оцу Сан тогӀенехула дӀадовдур ду шу, яхӀудхойн паччахь хиллачу Ӏузи-ЯхӀун деношкахь мохк бегийча шун дай дӀабевдда ма-хиллара. ТӀаккха сан Веза Дела схьавогӀур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а.

6 И де тӀекхаьчча, серло а, шело а, йис а хир яц+ 14:6 *Серло а, шело а, йис а хир яц *– я иштта: *серло хир яц – шело а, йис а бен хир яц.*. 7 И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло.

8- 14:8 Яхьазкхиал 47:1; Яхьъя 7:38; Довзийтинарг 22:1. И де тӀекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хӀордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хӀордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Ӏай а. 9 Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тӀехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цӀарца бен Деле кхойкхур бац. 10 Къилбаседехьа йолчу ГибаӀ-гӀалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гӀалина тӀекхаччалц дерриг а латта Ӏариба-тогӀи санна хир ду. Ярушалайм-гӀала шен лекхачу меттехь кхидӀа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тӀера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тӀекхаччалц а, Хьананиал-бӀаьвнна тӀера паччахьан муттдоккхургана тӀекхаччалц а. 11- 14:11 Довзийтинарг 22:3. Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хӀаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гӀалина. 12 Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бинчу массо а халкъашна Везачу Эло тухур долу ун иштта хир ду: хӀораннан а дегӀ телхар ду, иза шен когаш тӀехь лаьтташехь, цуьнан бӀаьргаш телхар бу, бӀаьргийн даьӀахкашна юккъехь лаьтташехь, цуьнан мотт а багахь телхар бу.

13 И де тӀекхаьчча, уьш Везачу Эло чӀогӀа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тӀелетар а бу. 14 Ур-атталла ЯхӀудан халкъо а тӀом латтор бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал+ 14:14 *Я иштта: *ЯхӀудан халкъо а Ярушалайм-гӀалахь мостагӀашна дуьхьал тӀом латтор бу.*. Гонахарчу массо а халкъийн бахам схьагулбина хир бу – боккхачу барамехь долу деши, дети, духарш. 15 Иштта мостагӀийн меттаметтанашкахь йолчу говрашна, вирбӀарзанашна, эмкалшна, варрашна, муьлхха а кхечу хьайбанна а хьалха санна долу ун кхетар ду.

16- 14:16 Ӏамалъяр 23:39-43. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хӀора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан а, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. 17 Нагахь санна лаьтта тӀера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Ӏибадат дан Ярушалайме ца дагӀахь, церан лаьтта тӀе догӀа догӀур дац. 18 Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багӀахь, царна а догӀа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан ца богӀучарна деш доллу таӀзар. 19 Иштта таӀзар дийр ду адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан богӀур боцучу мисархошна а, массо а халкъашна а. 20 Цу хенахь говрийн горгалешна тӀехь а дӀаяздина хир ду: «Везачу Элана къобалдинарг», – аьлла. Везачу Элан цӀа чуьра еш а хир ду, сагӀа доккхучу кхерчана хьалхара сагӀин кедаш санна, деза. 21 Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а хӀорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагӀина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан кертахь.