Векало ПахӀала

Тите

яздина кехат

Дешхьалхе

Тита кхечу къомах схьаваьлла вара. Ӏийсах тешаш верг а хилла, хаза кхаъ кхайкхоран балхахь ПахӀалан гӀоьнча хилира цунах. Векало ПахӀала Тите яздина кехат Крит-гӀайре тӀехь волчу шен къоначу гӀоьнче дахьийтина ду. ПахӀала иза цигахь витира Ӏийсах тешначийн тобанашца боьзна болу болх дӀакхехьа. Кехат тӀехь язбина кхо коьрта хьехам бу.

Цкъа-делахь, яздархочо Титина дагадоуьйту, критахойн вон амал хиларан тидам а бина, динан тобанан куьйгалхой муха амал йолуш хила беза аьлла. ШолгӀа-делахь, Титина хьехам бо, Ӏийсах тешаш болчу нехан тайп-тайпана тобанаш муха Ӏамо еза: баккхий нах, баккхий зударий (ткъа цара къона зударий Ӏамо беза), къона божарий, леш. Эххар а яздархочо Титина дуьйцу, Ӏийсан долахь болу нах муха лела беза аьлла. Уьш машаре а, эсала а хила беза, ткъа цабезамах а, сонтачу къийсарех а, динан тоба йохош дечу къамелех а ларбала беза.

1

1 ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. 2 И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. 3 Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира.

4- 1:4 2 Коринтхошка 8:23; Галатахошка 2:3; 2 Тимапига 4:10. Ӏийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита.

Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна.

Титас Крит-гӀайре тӀехь къахьегар

5 Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а. 6- 1:6-9 1 Тимапига 3:2-7. Ишттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала. 7 Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. 8 Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. 9 Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.

10 ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара. 11 Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза. 12 Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а». 13 И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама. 14 Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. 15 Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду. 16 Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.

2

ЦӀена хьехамаш

1 Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха. 2 Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана. 3 Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх. 4 Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар. 5 Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.

6 Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила 7 массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила. 8 Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама.

9 Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. 10 Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.

11 ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. 12 Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло. 13 Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а+ 2:13 *Сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а *– я иштта: *сийлахь Дела а, вай КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а.* сийлалла схьадар. 14- 2:14 а: Забур 129:8; б: Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; 1 Кипин 2:9. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.

15 ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.

3

Ӏийсах тешарш муха лела беза

1 Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а. 2 Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш. 3 ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.

4 Вай КӀелхьардохург волчу вайн Делан дика а,

адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча,

5 вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш,

ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай.

Шен Дезачу Синехула

Цо вай цӀан а дина,

юха а кхоьллина,

карла а даьхна.

6 Ша леррина къобалвина волчу,

вайн КӀелхьардохург волчу Ӏийсагахула

Дала шортонца тоьхна вайна

Шен Синан Ӏаь.

7 Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина,

Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех

вай хилийтархьама.

8 И дош бакъ ду.

Цундела суна а лаьа оцу тӀехь хьо латта, Делах тешнарш дика гӀуллакхаш дарна тӀехь кхиамаш баха гӀертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду. 9 Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду. 10 Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита, 11 и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.

ТӀаьххьара хьехамаш

12- 3:12 Векалийн 20:4; Эпасхошка 6:21, 22; Ковлусихошка 4:7, 8; 2 Тимапига 4:12. Артем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса. 13- 3:13 Векалийн 18:24; 1 Коринтхошка 16:12. Ӏедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь. 14 Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.

15 Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара.

Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.