Уггар хаза безаман

илли

Дешхьалхе

Уггар хаза безаман илли олучу тептар чуйогӀу цхьайолу байташ. Дукхахьолахь байтан кеп илли ду. Цхьадолчу байташкахь стаг зудчуьнга вистхуьлу, ткъа кхечу байташкахь зуда стаге йистхуьлу. Цхьадолчу гочдаршна тӀехь оцу тептаран цӀе Сулим-паччахьан илли ю, хӀунда аьлча Ӏебархойн маттахь долчу тептаран хьалхарчу аята тӀехь дӀаяздина ду Сулим-паччахь цуьнан яздархо хилар.

Дукха хьолахь жуьгтийн дин лелочара оцу иллийн маьӀна дора, Далла а, Цуьнан халкъана а юкъахь йолчу юкъаметтиган сурт ду олий, ткъа Ӏийсан дин лелочара иллийн маьӀна до Дала леррина Къобалвинчунна а, Цунах тешначийн динан гуламна а юкъахь йолчу юкъаметтиган сурт ду олий.

1

1 Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли.

Хьалхара илли

ЙоӀ

Цо берташца дӀахьулйойла сан юьхь!

ЧагӀарал мерза бу хьан безам!

2 Хьан духӀийн хьожа а мерза ю.

Хьан цӀе дӀасаӀанийна хьакхар санна ю.

Цундела веза хьо мехкаршна!

3 ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ!

Паччахьо шен цӀа чу йиги со!

Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду.

ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай.

Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!

4 Ярушалайман мехкарий,

со Ӏаьржа ю, амма хаза ю,

Къедаран четарш санна Ӏаьржа ю,

Сулиман цӀийнан шаршуш санна хаза ю.

5 Сан Ӏаьржачу басе ма хьежа –

малхо еттина со.

Сан ненан кӀенташа, суна оьгӀаз а бахана,

кемсийн бошмаш ларъян хӀоттийна со,

ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.

6 Сан дагна везнарг, алахьа соьга:

мичахь дажадо ахь хьайн даьхни?

Мичахь садоӀу ахь делкъахенахь?

Хьан накъостийн жашна уллохь хьо,

юьхь къайла а яьккхина, хӀунда лоьхура ас?

КӀант

7 Хьуна хӀунда ца хаьа и меттиг,

зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг?

УьстагӀийн лорах дӀа а гӀой,

жаӀуйн четарш уллохь

хьайн буьхьигаш яжае.

8 ПирӀунан южучу кхелашна юкъахь уггар

исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.

9 Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чӀагаршна юкъахь.

Хьан логах кхозуш жовхӀарш ду.

10 Детица кхелина дашо чӀагарш

йойтур ю вай хьуна.

ЙоӀ

11 Шен маьнги тӀехь паччахь хиъна мел Ӏан,

сан духӀино шен хаза хьожа йоуьйтура.

12 Сан накхошна юкъахь Ӏуьллу чохь хаза хьожа йогӀу

бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.

13 Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг

Ӏейн-ГӀадин кемсийн бошмашкахь.

КӀант

14 Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю!

Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бӀаьргаш!

ЙоӀ

15 Ма исбаьхьа ву хьо,

сан везарг, ма безаме ву!

Соьналлех бина бу вайн мотт.

16 Вайн цӀийнан бӀогӀамаш хилла лаьтта баганан дитташ,

вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.

2

1 Со Шарон-аренара акха зезаг ду,

тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.

КӀант

2 Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна,

мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.

ЙоӀ

3 Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна,

кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг.

Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна,

цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.

4 Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна

тӀехула йолу цуьнан байракх – безам бу.

5 Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша,

Ӏежашца сан дог тодейша,

гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.

6 Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду,

аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.

7 Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах

дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама,

ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.

ШолгӀа илли

ЙоӀ

8 Сайн везарган аз хеза суна!

Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш,

гунашна тӀехула лелхаш.

9 Сан хьомениг масарх

я къоначу сайх тера ву.

Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза,

цӀийнан корах чу а хьоьжуш,

гурах чекх бӀаьрг а бетташ.

10 Сан везарг соьга баха хӀоьтти:

«ХьалагӀатта, сан хьомениг,

сан исбаьхьаниг, араяла.

11 Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.

12 Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла.

Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана,

къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.

13 Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо,

заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо.

ХьалагӀатта, сан хьомениг,

сан исбаьхьаниг, араяла.

14 Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха,

тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо,

гайтахьа суна хьайн юьхь,

хьайн аз хазийтахьа суна,

хӀунда аьлча хаза ду хьан аз,

юьхь а ю хьан исбаьхьа.

15 Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш,

кемсийн бошмаш талхош долу!

Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш

талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»

ЙоӀ

16 Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю.

Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.

17 Де дохделла а далале,

ӀиндагӀаш а дӀадовдале,

цӀа юхаверзахьа+ 2:17 *ЦӀа юхаверзахьа *– я иштта: *хьийза хӀинца.*, сан хьомениг,

чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх

я къоначу сех тарлохьа.

3

1 Бус-буса сайн меттахь а Ӏуьллуш,

сайн дагна везначух а хьоьгуш,

сайн хьомечух со мел хьоьгура,

амма цкъа а иза кара ца вора.

2 Хьала а гӀаьттина, гӀалин урамашкахула а,

майданашкахула а дӀагӀур ю со.

Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас.

Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.

3 ГӀалина гобоккхуш болу

гӀаролхой дуьхьалкхийтира суна:

«Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?»

4 Амма со царна уллора дӀа-ма-елли,

сайн дагна везнарг карийра суна.

Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цӀа чу,

со йинчу чоьнаш чу кхаччалц,

дӀа ца хийцира ас.

5 Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах

дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама,

ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.

КхоалгӀа илли

ЙоӀ

6 ХӀун ю иза, яьссачу арара,

кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг,

эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа

йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?

7 Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гӀантахь вахьаш,

кхузткъа тӀемало ву цунна гонах,

Исраилан мехкан тоьлла тӀемалой.

8 Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду,

уьш тӀамана говза бу.

Буьйсанан кхерамех лардан

тур ду цаьргахь хӀорангахь а.

9 Ливанунерчу дечигах гӀант дайтина Сулим-паччахьо,

цу тӀехь ша дӀасалелавайта.

10 Цуьнан гураш, тӀе дети а лоцуш, дайтина цо,

цуьнан бух, тӀе деши а лоцуш, байтина,

тӀехоу меттиг цӀечу кӀадих яйтина.

Чуьра а Ярушалайман мехкарша

безамца кечдина ду и гӀант.

11 Дуьлол, Цийонера мехкарий,

хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье!

Паччахьо зуда ялочу дийнахь,

цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь,

шен нанас иза кечвина таж ду иза!

КӀант

4

1 Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг,

ма исбаьхьа ду!

Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу.

ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.

2 Лийчийначуьра догӀучу лергинчу

жерчех тера ю хьан цергаш.

Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу,

цхьа а байна бац царна юкъахь.

3 ЦӀен аса санна ду хьан балдаш,

ма хаза ю ерриг а хьан бат.

Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш

наран аьхгаш санна хаза ю.

4 Хьан ворта Даудан бӀов санна ю,

исбаьхьа йина йолу.

Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш,

уьш дерриш а тӀемалойн ду.

5 Хьан ши накха акхачу газанан

шала йинчу шина кӀорнех тера бу.

ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.

6 Де дохделла а далале,

ӀиндагӀаш а дӀадовдале,

деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со,

хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.

7 Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг,

цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!

8 Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал,

схьадола соьца Ливанунера!

Амана-лома тӀера сихло,

Саниран а, Хьермонан а баххьашкара,

цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра,

лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.

9 Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал!

Сан дог йийсаре лаьцна ахь,

цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна,

хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.

10 Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал!

Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду,

хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!

11 Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал.

Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду.

Ливанунах йогӀучу хьожанах тера

ю хьан бедарийн хьожа.

12 ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал.

ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.

13 Хьох долу патарш нарийн беш ю,

чохь тоьлла стоьмаш болу,

йиппар а, деза нард-даьтта а ду.

14 Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду,

хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а.

Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду,

тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.

15 Хьо бешахь долу хьоста ду,

Ливанун-ломара охьаоьхуш

долчу дийначу хин гӀу а ю.

ЙоӀ

16 Къилбаседера гӀатта, мох,

къилбера схьахьакха,

сан беша тӀе берза,

тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю.

Шен беша вогӀийла сан везарг,

цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.

КӀант

5

1 Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал.

Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас,

сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас,

сайн шуьраца сайн чагӀар мелира ас.

Зударий

Яалаш, доттагӀий, малалаш,

дуззалц малалаш, безам баханарш!

ДоьалгӀа илли

ЙоӀ

2 Со йижина ю, амма сан дог сема ду.

Сан везарган аз ду хезаш, цо неӀ етта:

«ДӀаелла суна неӀ, сан йиша,

сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг!

Сан коьрта тӀехь тхи ду,

сан месаш тӀехь буьйсанан тӀуналла ю».

3 Ас сайн коч дӀаяьккхина.

Юха тӀеюха еза ас иза?

Ас сайн когаш билина.

Бех муха бийр бу ас уьш?

4 Сан везарго неӀаран хераллехула куьг чукховдийра,

тӀаккха сан дог тохаделира, иза уллохь волу дела.

5 Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла.

Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш,

сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза,

неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.

6 Сайн везаргана неӀ дӀайиллира ас,

амма иза, юха а вирзина, дӀавахара.

Сан са малделира, иза дӀавахарна+ 5:6 *Сан са малделира, иза дӀавахарна *– я иштта: *Иза вистхиллачу хенахь сан са малделлера.*.

Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.

Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира.

7 ГӀалина гобоккхуш болчу гӀаролхоша,

дуьхьалкхетча, йиттира суна, лазийра со.

ГӀалин пенаш лардечара

тӀекхоьллина хӀума схьаяьккхира суна тӀера.

8 Ярушалайман мехкарий, хӀун эр ду аша,

нагахь сан везарг шайна гахь?

Ас чӀагӀо йойту шуьга,

нагахь сан везарг шайна гахь,

алийша цуьнга, со безамо гӀелйина алий.

Зударий

9 Хьан везарг кхечарал хӀун гӀолехь ву,

зударшна юкъахь исбаьхьаниг?

Ахь оццул тхоьга дехар дал,

кхечарал хӀун гӀолехь ву хьан везар?

ЙоӀ

10 Сан везарг лепаш а, могуш а ву,

иза итт эзар кхечарал гӀолехь а ву.

11 Цуьнан корта – цӀена деши ду,

цуьнан месаш, чӀуг тухуш,

хьаргӀа санна, Ӏаьржа ю.

12 Цуьнан бӀаьргаш хина йистехь

Ӏаш долчу кхокханех тера бу.

Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий,

хин Ӏаьмнашна уллохь Ӏаш ду уьш.

13 Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду,

хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду.

Цуьнан балдаш петӀаматаш ду,

шайх деза даьтта схьадолуш долу.

14 Цуьнан куьйгаш деших дина ду,

жовхӀарш тӀе а дохкуш.

Цуьнан накха пийлан шерачу кӀомсарех бина бу,

маржанаш тӀе а дохкуш.

15 Цуьнан настарш шагатӀулган бӀогӀамаш ду,

дашо когаш тӀе хӀиттийна долу.

Ливанунах тера ду цуьнан хатӀ,

баганан дитташ санна, куц а долуш.

16 Цуьнан бага марзо ю,

иза верриг а хьоме ву.

Иштта ву сан везарг, иштта ву сан хьомениг,

Ярушалайман мехкарий!

Зударий

6

1 Стенга вахана хьан везарг,

зударшна юкъахь исбаьхьаниг?

Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза?

Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза.

ЙоӀ

2 Сан везарг шен беша воьссина,

мерзачу бецийн хаьснаш долчу,

бошмашкахь жа дажо а,

петӀамат-зезагаш лахьо а.

3 Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву.

Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву.

ПхоьалгӀа илли

КӀант

4 Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг,

Ярушалайм санна, безаме ю,

байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.

5 ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш,

цара дог тохадолуьйту сан.

ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу

гезарех тера ю хьан месаш.

6 Лийчийначуьра догӀучу жерчийн

жех тера ю хьан цергаш.

Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу,

цхьа а байна бац царна юкъахь.

7 Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш

наран аьхкаш санна хаза ю.

8 Кхузткъа зуда-паччахь а,

езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а,

багар ца баллал мехкарий белахь а,

9 амма цхьаъ бен йоцург – иза ю,

сан къоркхокха, сан дашониг.

Цхьаъ бен яц иза шен ненан,

ша йиначун къастийна ю иза.

Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза,

зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза.

10 Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг,

бутт санна, исбаьхьа ерг,

малх санна, къегина ерг,

байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?

11 БӀарийн беша чувоьссира со

тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха,

кемсийн таьлланг хецаеллий а,

нараша заза даьккхиний а хьажа.

12 Сан са хазахетарх дуьзна дара!

Хьайн деза даьтта лохьа суна,

элийн сан халкъан ва йоӀ!+ 6:12 *Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ! *– я иштта: *Сан са хазахетарх дуьзна дара, элана уллохь гӀудалкха тӀе хиъна Ӏаш со воьдучу хенахь. *Я иштта: *Самукъадаларца со вегош вара, паччахьан гӀудалкха чохь воьдуш санна.*

Зударий

7

1 Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг!+ 7:1 *Кхоччуш исбаьхьаниг *– я иштта: *Шуламера йоӀ.*

Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта!

ЙоӀ

Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга,

кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна?

2 КӀархаш буьйхина хьан когаш

ма хаза бу, баьччанан йоӀ!

Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна,

исбаьхьа ю хьан настарш.

3 Хьан цӀонга горга кад бу,

шена чуьра мерза чагӀар ца хеда.

Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу,

гонах петӀамат-зезагаш долу.

4 Хьан ши накха – ши буьхьиг а,

акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу.

5 Хьан ворта – пийлан кӀомсарех

йина бӀов санна ю.

Хьан бӀаьргаш – Бат-Рабиман кевнна

уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу.

Хьан мара – Дамасакхана тӀеерзийначу

Ливанунан бӀаьвнах тера бу.

6 Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу,

хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю.

Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву.

7 Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо,

сан хьомениг, сел тамехь хиларца!

8 Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ,

кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош.

9 Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со,

цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас».

Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара!

Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара!

10 Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш,

нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу

тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара.

ЙоӀ

11 Со сайн везарган долахь ю,

суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам.

12 Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ,

ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма.

13 Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша,

кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а,

нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша.

Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна.

14 Безаман зезагаша+ 7:14 *Безаман зезаг *– Ӏебархойн маттахь иза «дудаъ» ду. Оцу ораматах мерза хьожа йогӀу зезагаш хуьлу. Дийцарехь, цара нехан безам хилийта гӀо дора.* шайн хаза хьожа хецна,

вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу,

керланаш а, ширанаш а –

уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг.

8

1 Сан ненан некхах векхаш волу

сан ваша хьо велахьара!

ТӀаккха, хьо урамновкъахь дуьхьалкхетча,

ас барташ дохур дара хьуна,

цхьа а кхаьрдар вацара сох.

2 Ас сайн ненан хӀусаме вуьгур вара хьо,

цигахь ахь суна хьоьхур дара.

Ткъа ас хьуна мерза чагӀар а,

наран мутта а малор дара.

3 Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду,

аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.

4 Ярушалайман мехкарий, дехар до шуьга:

безам ма баккхийша сама,

ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.

ЙолхалгӀа илли

Зударий

5 Мила ю иза, яьссачу арара,

шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг?

ЙоӀ

Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо.

Цигахь хьан нанас вина хьо,

цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.

6 МухӀар санна, со хьайн дага тӀе йиллахьа,

чӀуг санна, хьайн пӀелгах йоллахьа,

хӀунда аьлча, Ӏожалла санна, чӀогӀа бу безам,

дӀакхалхар санна, онда ду хьаьгна хилар.

Безаман пхерчий цӀарах дина ду,

онда цӀе ю иза ша а.

7 Даккхийчу хишка яйалур яц безаман цӀе,

хин Ӏоврашка дӀахьуллур яц иза.

Нагахь цхьаъ, шен берриг а бахам а белла,

безам эца гӀерташ хилча,

цавашарца дӀатоттур вара иза.

Зудчун вежарий

8 Жима йиша ю тхан,

накхош кхиаза ду цуьнан хӀинца а.

Оха хӀун дан деза цунна,

иза еха нах баьхкича?

9 Иза пен белахьара,

оха цунна тӀехь дато бӀаьвнаш йийр яра.

Иза неӀ елахьара,

оха баганан аннаш тухур дара цунна тӀе.

ЙоӀ

10 ХӀетахь пен санна, шера яра со, амма

хӀинца сан накхош бӀаьвнаш санна ду.

Цундела цуьнан бӀаьргашкахь

сох хӀинца кхиъна яьлларг хилира.

КӀант

11 БаӀал ХӀамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан.

Беш лелочу нахе иза дӀаелира паччахьо.

ХӀораммо цхьа эзар дато ахча

дала дезара ша гулбинчу стоьмех.

12 Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю.

Эзар ахча хьуна ду, Сулим,

ткъа ши бӀе – беш лелочарна.

13 Сан хьомениг, хьо сан бешахь Ӏаш ю.

Сан накъостий хьоьжуш бу,

хьан аз хазархьама.

Суна а хазийтахьа иза.

ЙоӀ

14 Сихлохьа, сан хьомениг, –

масарх я къоначу сех тера

хилалахь деза даьтта долчу лаьмнаш тӀехь.