Рутих
лаьцна тептар
Дешхьалхе
Рутих лаьцна машаре дийцар Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманахь кхолладелла ду. Муабахо йолу Рути исраилхочуьнга маре йоьду. Майра велча, Рутис шен марнене болу къаьсттина боккха ларам а, исраилхойн Делах долу кӀорггера тешар а гойту. Шен майрачун гергарчу нахана юкъара шена маре яха стаг караво цунна. И маре бахьана долуш Исраилан халкъан уггар сийлахьчу паччахьан Даудан дайн нана хуьлу цунах.
Мехкан куьйгалхойх долчу дийцар тӀехь Делах дӀабирзинчу нахана хиллачу вочу балхах лаьцна дуьйцу, ткъа Рутих лаьцначу дийцар тӀехь, шен дин а хийцина, исраилхойн Далла тӀе йирзинчу хийрачу махкарчу зудчун декъалхиларх лаьцна дуьйцу. Далла тешаме хиллачу халкъах дӀакхетта Рути.
1НуӀмат а, Рути а.
1 Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара. 2 Оцу стеган цӀе Элималик яра, цуьнан зудчун цӀе НуӀмат яра, ткъа шина кӀентан цӀераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. 3 НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.
4 Цу шина кӀанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цӀе Ӏарипат яра, ткъа вукхуьнан цӀе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Ӏийра уьш. 5 Цул тӀаьхьа цуьнан ший а кӀант, Махьлан а, Халин а, дӀакхелхира. ТӀаккха шен шина кӀантах а, цӀийндех а яьлла, и зуда ша йисира. 6 Муаби-махкахь йолуш НуӀматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуӀмат Муаби-махкара шен цӀа юхаерза кечъелира. 7 Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхӀуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь 8 шен шина несе НуӀмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цӀа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна! 9 Везачу Эло хӀоранна а хӀусам нисйойла шуна шайн цӀийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуӀмата.
Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хӀиттира. 10 ТӀаккха цара элира: «ХӀан-хӀа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тӀе а гӀур ду».
11 Амма НуӀмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоӀ! ХӀун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кӀентий, шуна майранаш хила? 12 Юхаерза, дӀагӀо, сан ши йоӀ! Со къанъелла хӀинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Ӏийна, кӀентий бича а, 13 хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоӀарий! Со чӀогӀа гӀайгӀанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».
14 Ши нус маьхьарца юха а елха хӀоьттира. ТӀаккха Ӏарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дӀакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира. 15 НуӀмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тӀе а, шен деланашна тӀе а. Хьайн кхинна тӀаьххье дӀагӀо хьо а».
16 Амма Рутис жоп делира:
«Ма гӀертахьа со нуьцкъах хьайх къасто.
Хьо йоьдучу со а гӀур ю.
Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю.
Хьан халкъ а сан халкъ хир ду.
Хьан Дела а сан Дела хир ву.
17 Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю,
циггахь дӀа а юллур ю.
Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таӀзар дойла суна, Ӏожалло бен со хьох къастор яц».
18 Цо йина чӀагӀо шена гича, НуӀмат и бертаяло гӀертачуьра сецира. 19 И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» – бохура зударша.
20 НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала. 21 Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хӀунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»
22 Иштта НуӀмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.
2Рутин а, БоӀазан а довзар
1 НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара. 2- 2:2 Ӏамалъяр 19:9, 10; Карлабаьккхинарг 24:19. Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш».
НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».
3 Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера. 4 Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» – аьлла.
«Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.
5 ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» – аьлла.
6 Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу. 7 ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла+ 2:7 *Товрат-хьехамашца мискачу нехан бакъо яра маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьо.*. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара».
8 БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила. 9 Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».
10 Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»
11 «Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо. 12 Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоӀаза.
13 «Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, – элира Рутис, – хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».
14 Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш».
Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТӀаккха БоӀаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира. 15 ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.
16 «ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» – аьлла, буьйр дира цо.
17 Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира. 18 Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.
19 «Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» – элира НуӀмата.
Рутис дӀадийцира шен марнене, ша хьенан кха тӀехь болх бинера. «Ас тахана кха тӀехь болх бинчун цӀе БоӀаз ю», – элира цо.
20- 2:20 Ӏамалъяр 25:25. «Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас.
21 «Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», – аьлла, дӀахаийтира Рутис.
22 ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».
23 Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.
3Рути а, БоӀаз а хьаьттахь
1 ТӀаккха Рутига цуьнан марнана йолчу НуӀмата элира: «Сан йоӀ, хьо дӀатаръярхьама, цхьа хӀусам лехча хӀун дара-те ас? 2 И БоӀаз а вайн гергара стаг ву. Цуьнан ялхошца бина ахь болх. Иза тховса хьаьттахь, мохехь мукх цӀанбеш хир ву. 3 ЦӀан а лой, хьайн дегӀах хаза хьожа йогӀу хӀума а хьакхий, хьайна тӀе уггар хаза йолу бедарш а юхий, хьаьтта гӀо, амма и хӀума йиъна а, мелла а валлалц, цунна гучу ма яла. 4 И дӀавижча, иза мича метте вижна а хьажий, яха а гӀой, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айий, цуьнан когашка дӀайижа. ТӀаккха цо ша эр ду хьоьга, кхин дӀа ахь хӀун дан деза».
5 «Ахь бохург дерриге а ас кхочуш дийр ду», – элира Рутис.
6 ТӀаккха иза хьаьтта а яхара, дерриге а шен марнанас тӀе-ма-диллара, кхочуш а дира цо. 7 БоӀаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дӀавижира. Ткъа хӀара, меллаша тӀе а яхана, цунна тӀетесна йолу хӀума хьала а айина, цуьнан когашкахь дӀатевжира. 8 Буьйсанна юккъехь, набарха цӀеххьана вегийна, БоӀаз хьалаайавелча, шен когашкахь йижина Ӏуьллуш цхьа зуда карийра цунна.
9 БоӀаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?»
«Со хьан лай йолу Рути ю-кх, – жоп делира зудчо, – Хьо со Ӏалашъеш, суна гӀо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хӀусамехь, хьайн юргӀана кӀелахь йитахьа со».
10 «Дала декъала йина-кх хьо, сан йоӀ! ХӀара хьайн марнанна дина гӀуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь. 11 ХӀинца, сан йоӀ, ма кхера хьо! Ахь дехнарг чекхдоккхур ду ас, хьо оьзда зуда хилар массарна а хаьа дела. 12- 3:12 Рути 2:20. Амма бакъду, со хьо Ӏалашъян а, хьуна гӀо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш. 13 Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тӀеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тӀелаца цунна ца лаахь, ас тӀелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо! ХӀинца дӀайижа сахиллалц».
14 БоӀазан когашкахь сахиллалц Ӏийра Рути. Шаьшшиннан яххьаш вовшашна къастале, сатасале хьалагӀаьттира Рути. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Цхьаьнгге а ма тосадалийта кхуза хьо еана хилар».
15 Юха БоӀаза элира Рутига: «Схьалаца хьайн йовлакх».
Рутис йовлакх схьалецира. БоӀаз, цунна ялх барам мукх а белла, иза цунна ги а тесна, гӀала вахара. 16 Ткъа Рути марнана йолчу яхара. Марнанас хаьттира цуьнга: «Хьайчух хӀун хилира, сан йоӀ?»
Оцу стага шена динарг дерриге а марнене дӀадийцира Рутис: 17 «ХӀара ялх барам мукх а белла, цо элира соьга: „Хьайн марнанна тӀе даьссачу куьйгашца ма гӀо“».
18 НуӀмата элира: «ХӀара гӀуллакх чекх муха долу хаъалц, собар де ахь. И стаг Ӏийр вац и гӀуллакх тахханехь чекх ца доккхуш».
4БоӀаза Рути йигар
1 ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира. 2 Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира. 3 ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза:
«Муаби-махкара цӀа йирзинчу НуӀмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду. 4 Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву».
Вукхо ша оьцу элира.
5 ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
6 «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», – элира гергарчо.
7- 4:7, 8 Карлабаьккхинарг 25:9. Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь. 8 Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».
9 ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар. 10- 4:10 Карлабаьккхинарг 25:5, 6. Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».
11- 4:11 Доладалар 29:31. ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх.
Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна,
хьан керта йогӀуш йолу и зуда.
Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ.
Беркат догӀийла хьан цӀенна тӀе Эпратехь.
ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.
12- 4:12 Доладалар 38:27-30. Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тӀаьхье бахьана долуш,
Тамарас ЯхӀудана винчу Парасан доьзал санна,
хуьлийла хьан доьзал».
13 БоӀаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кӀант а вира. 14 Зударша НуӀмате бохура: «Хастам бу Везачу Элана! Цо ца йити хьо, йоккха хилча, Ӏалашъян а, гӀо дан а стаг воцуш. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла цунах Исраил-махкахь. Хьан дог доккха дийр ду хӀокху кӀантах, ворхӀ кӀантал а тоьлуш йолчу, хьо езаш а йолчу, хьан несо и вина дела».
16 И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуӀмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза. 17 Лулахоша Ӏабади аьлла, цӀе а тиллинера цунна. «НуӀматан кӀант ву-кх хӀинца», – олура цара.
И Ӏабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара. 18 ХӀара ю Парасан тӀаьхье: Парасан хилира кӀант Хьацрани. 19 Хьацранин хилира кӀант Рам. Раман хилира кӀант Ӏамминадаб. 20 Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон. Нахьшонан хилира кӀант Салман. 21 Салманан хилира кӀант БоӀаз. БоӀазан хилира кӀант Ӏабади. 22 Ӏабадин хилира кӀант Юшай. Юшаян хилира кӀант Дауд.