Векало ПахӀала
римхошка
яздина кехат
Дешхьалхе
Векало ПахӀала римхошка яздина кехат, Рим-гӀалахь йолчу динан тобанна тӀе ПахӀална лууш болу некъ кечбархьама, яздина хилла. Иза дагахь вара цигахь болчу Ӏийсан нахана юкъахь къахьоьгуш хан яккха а, ткъа цул тӀаьхьа Испани-махка ваха новкъа вала а. Цо яздора, Ӏийсах тешаран динах а, цунах схьадолу Ӏийсан нехан лела дезарх а ша муха кхета дийцархьама. ХӀокху тептар тӀехь ПахӀала кхайкхочу кхоан уггар кхоччуш болу хьехам бу.
Рим-гӀалахь йолчу динан тобанан нахе маршаллаш дӀа а делла, царна тӀера ша дечу доӀанех лаьцна а дийцина, кехатан коьртачу ойланах лаьцна ПахӀала иштта дуьйцу: «Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду» (Римхошка 1:17).
ТӀаккха ПахӀала оцу ойланах лаьцна кхидӀа а дуьйцу. Массо а нах, жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь а, Далла хьалха бакъбан безаш бу, хӀунда аьлча уьш берриш а цхьатерра къинан олаллехь бу. Ӏийсах тешарехула бен, нах Далла хьалха бакъ ца бо. Цул тӀаьхьа ПахӀала дуьйцу Ӏийсах тешаш волчун керлачу дахарх лаьцна. И дахар Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу керлачу тӀекаренера схьадолу. Ӏийсах тешарг Делаца машар болуш ву, ткъа Делан Сино иза къинан а, Ӏожаллин а олаллех паргӀатваьккхина ву. ПхоьалгӀачу коьрта тӀера борхӀалгӀачунна тӀекхаччалц ПахӀала хьоьху кхин а шина хӀуманах лаьцна: товрат-хьехаман Ӏалашонах а, Ӏийсах тешачун дахарехь болчу Делан Синан ницкъах а. Цул тӀаьхьа векало ПахӀала цхьана дезачу хаттарна тӀе йохуьйту шен ойланаш: массо а нахана йолчу Делан Ӏалашонна чу жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а муха богӀу? Цо иштта жамӀ до: жуьгташа Ӏийса дӀатасар Делан Ӏалашонна чудогӀу, хӀунда аьлча и Ӏалашо ю массо а нах Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долчу Делан диканна гергабалор. Цул сов, иза тешна ву, жуьгташа Ӏийса дӀатасар даиманна а цахиларх. Чаккхенехь ПахӀала яздо, Ӏийсах тешачун дахар муха хила деза аьлла. Кхечуьнца йолчу юкъаметтигехь вовшашка болу безам къаьсттина хила беза. КхидӀа цо дуьйцу ишттачу хӀуманех лаьцна: Далла гӀуллакх дар, Ӏийсан нах Ӏедална а, вовшашна а декхарийлахь хилар, иштта эхь-бехкаца доьзна долу хаттар. Кехат дерзош, цо тайп-тайпана маршаллаш а ло, Дела хаставаран дешнаш а яздо.
11 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.
2 Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара. 3 И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву. 4 Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву. 5 Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а. 6 Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь хила тӀекхайкхинчарна юкъахь.
7 Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса:
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
Хастамаш баран доӀа
8 Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. 9 Сайн доӀанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КӀантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гӀуллакх деш волу. 10 Сайн доӀанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, 11 хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а. 12 И бохург хӀара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахӀиттор ду: сан тешаро шу иракарахӀиттор ду, ткъа шун тешаро – со.
13- 1:13 Векалийн 19:21. Динан вежарий! Шуьга дӀахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хӀара хан тӀекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. 14 Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. 15 Цундела ву со шуна а, Рим-гӀалахь дехарш, хаза кхаъ дӀакхайкхо кийча.
Хазачу кхоан ницкъ
16- 1:16 Марк 8:38. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дӀакхайкхо, хӀунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Ӏийсах мел тешарг кӀелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. 17- 1:17 Хьабукъа 2:4. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву+ 1:17 *Я иштта: *Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.*».
Массо а адамашна тӀехь къинош ду
18 Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Ӏесаллина а, харцдолчунна а тӀе стигалшкара Делан оьгӀазло гучуйоккхуш ю. 19 Иза иштта ду, хӀунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела. 20 ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна. 21- 1:21 Эпасхошка 4:17, 18. ХӀунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Ӏаржделлера. 22 Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. 23- 1:23 Карлабаьккхинарг 4:16-18. Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цӀушна Ӏамалъярх. И цӀуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. 24 Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира. 25 Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!
26 Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера. 27 Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догӀмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгӀазло шайн коьрта тӀе йоуьйтура цара.
28 Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара. 29 Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бӀаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогӀах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо. 30 Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КӀоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугӀу цара. 31 Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац. 32 Ишттаниг лелораш хӀаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Ӏаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.
2Делан кхел
1- 2:1 Маттай 7:1; Лака 6:37. Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. 2 Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла. 3 Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг? 4 Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх? 5 Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. 6- 2:6 Забур 61:13; Кицанаш 24:12. Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. 7 Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. 8 Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю. 9 Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! 10 Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! 11- 2:11 Карлабаьккхинарг 10:17. ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.
12 Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю. 13 ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. 14 Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. 15 Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху. 16 Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь.
Жуьгтий а, товрат-хьехамаш а
17 Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. 18 Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо. 19 БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо. 20 Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира. 21 Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? 22 Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те? 23 Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? 24- 2:24 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:5 (Грекийн). Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».
25 Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву. 26 Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? 27 Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг? 28 ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. 29- 2:29 Карлабаьккхинарг 30:6. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
3Делан тешаме хилар
1 Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу? 2 Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду. 3 Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? 4- 3:4 Забур 50:6 (Грекийн). Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду:
«Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву,
кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
5 Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) 6 Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
7 Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза? 8 Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
Цхьа а Делан лаамехь вац
9 ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар. 10- 3:10-12 Забур 13:1-3 (Грекийн); Забур 52:2-4 (Грекийн). Яздина ма ду:
«Далла хьалха цхьа а бакъ вац.
11 Цхьа а кхетам болуш а вац,
цхьа а Дела лоьхуш а вац.
12 Массо а адамаш Делах дӀадирзина,
берриш а галбевлла бу.
Цхьа а диканиг дийриг вац,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
13- 3:13 а: Забур 5:10 (Грекийн); б: Забур 139:4. Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю.
Шайн меттанашца нах лебо цара.
Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
14- 3:14 Забур 9:28 (Грекийн). Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.
15- 3:15-17 ЕшаӀ-ЯхӀу 59:7, 8. ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.
16 Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.
17 Машаран некъ ца бевза царна.
18- 3:18 Забур 35:2. Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».
19 Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. 20- 3:20 Забур 142:2; Галатахошка 2:16. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
Тешарца бакъдар
21 Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а. 22- 3:22 Галатахошка 2:16. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, 23 хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву. 24 Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш. 25 Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.
27 Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во! 28 Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу. 29 Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву. 30- 3:30 Карлабаьккхинарг 6:4; Галатахошка 3:20. Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха. 31 ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.
4ИбрахӀиман масал
1 Вайн дайн да волчу ИбрахӀимах лаьцна хӀун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хӀун Ӏемина цунна? 2 Ша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, ИбрахӀим Далла хьалха бакъвина хиллехьара, цуьнан дозалла дан йиш хир яра. Делахь а Далла хьалха дозалла дан йиш яцара цуьнан. 3- 4:3 Доладалар 15:6; Галатахошка 3:6. Ткъа Делан Йозанаша хӀун боху? «ИбрахӀим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». 4 Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дӀадала леринарг санна дӀало. 5 Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гӀуллакхаш ца дахь а, ткъа Ӏеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш. 6 Иштта динчу дика гӀуллакхашца доьзна а доцуш, Дала Шена хьалха бакъвина лоручу стагах Дауд-паччахьо а декъала волу стаг олура:
7- 4:7, 8 Забур 31:1, 2. «Декъала бу Дала гечдина а,
къинош Цо дӀадаьхна а берш.
8 Декъала бу Везачу Эло церан къинош цкъа а царна дуьхьал ца лоруш берш».
9 Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХӀан-хӀа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахӀим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. 10 Маца хилла иза? Иза сунтвале лерина я сунтвиначул тӀаьхьа лерина? Сунтвинчул тӀаьхьа а доцуш, иза сунтвале бакъвина лерина. 11- 4:11 Доладалар 17:10. Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дӀахӀоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. 12 Иштта, ИбрахӀим вукху тобанан а да хилла дӀахӀоьттина. Сунтдар тӀеэцна хилла а ца Ӏаш, вайн да волчу ИбрахӀиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогӀу.
13- 4:13 Доладалар 17:4-6; 22:17, 18; Галатахошка 3:29. ИбрахӀиман а, цуьнан тӀаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахӀима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара. 14- 4:14 Галатахошка 3:18. Нагахь санна лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбечарна догӀуш хилча, Делах тешар а мехала хир дацара, лур ду аьлларг эрна а хир дара. 15 Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгӀазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара.
16- 4:16 Галатахошка 3:7. Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахӀиман массо а тӀаьхьенна, чӀагӀо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахӀиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахӀим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, 17- 4:17 Доладалар 17:5. Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахӀим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха. 18- 4:18 Доладалар 15:5. Сатийса бахьана доццушехь, ИбрахӀим Дала йинчу чӀагӀонах кхидӀа а тешаш а, сатуьйсуш а вара. И тешар бахьана долуш, дуккхачу а къаьмнийн да хилира иза. Яздина ма-хиллара: «Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье». 19- 4:19 Доладалар 17:17. Тешарх ца вухуш, бӀе шо кхоччуш долчу шен дегӀе, веллачун дегӀе санна, бераш далург цахилар а, Сарат доьзалхо хуьлуш цахилар а дагахь латтадора цо. 20 Дала шена лур ду аьллачу тешарна тӀера ойла ца керчира цуьнан, мелхо а, шен тешар тӀехь чӀагӀвелла Ӏийра иза, сийлалла Далла дӀа а делла. 21 Иза кӀоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх. 22 Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 23 Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Ӏа – «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира», 24 амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. 25- 4:25 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:4, 5. Ӏийса вайн къиношна тӀера сагӀина дӀа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера.
5Ӏийсан цӀийца бакъдар
1 Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай. 2 Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. 3 Цунах даккхийдийна а ца Ӏаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. 4 Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло. 5 Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хӀунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Ӏанийна.
6 Ваьшна гӀо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Ӏесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жӀара тӀехь велла. 7 Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу. 8 Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала. 9 Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах. 10 Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела. 11 Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.
Адам а, Дала леррина Къобалвинарг а
12- 5:12 Доладалар 3:6. Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Ӏожалла а еана. Иштта Ӏожалла а хӀора адамна тӀееана, массара а къа латийна дела. 13 Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогӀу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору. 14 Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а.
Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам. 15 Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула – маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду! 16 Дала делла хӀара совгӀат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХӀунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таӀзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина. 17 Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Ӏожалло олалла дар дӀадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгӀат а тӀе мел эцнарш Ӏийсагахула олалла деш хир бу дахарехь.
18 Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тӀедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гӀуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. 19 Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.
20 Товрат-хьехамаш тӀаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира. 21 Къиноша, адамаш Ӏожаллина тӀе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.
6Къинна вай делла, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца дехаш ду
1 ТӀаккха, хӀун ала вай? Къинош а летош Ӏей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? 2 Дера ма Ӏе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидӀа вай муха дахалур ду те? 3 Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тӀеэцна хилар? 4- 6:4 Ковлусихошка 2:12. Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дӀа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Ӏайтархьама.
5 Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. 6 Вайна хаьа, шира адам Ӏийсаца цхьаьна жӀарах дӀатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хӀаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидӀа ца хилийтархьама а, 7 хӀунда аьлча велларг къинан олаллех паргӀатваьлла. 8 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. 9 Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац. 10 Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дӀакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. 11 Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна.
12 Лийр долчу шайн догӀмашна тӀехь кхидӀа къине олалла ма дайта. Къинан Ӏалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар. 13 КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта. 14 Къино шуна тӀехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду.
Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш
15 ТӀаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац! 16 Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтӀахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хӀаллакдийр ду, я Далла муьтӀахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду. 17 Далла бу хастам! ХӀетахь къинан леш шу хиллехь а, хӀинца шаьш муьтӀахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. 18 Къинойх паргӀатдевлла долу шу, хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла. 19 Шун адамийн синош гӀийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХӀетахь шайн дегӀан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дӀаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дӀало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду.
20 Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара. 21 Шаьш хӀинца юьхьӀаьржачу хӀиттош, хӀетахь лелийначу гӀуллакхех шуна хӀун пайда баьлла? Цу гӀуллакхийн чаккхе Ӏожалла ма ю! 22 Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. 23 Къинош леторна луш йолу ял Ӏожалла ю, ткъа Дала луш долу совгӀат Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.
7Товрат-хьехамашна белла лоруш берш
1 Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла? 2 Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу. 3 Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору. 4 Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. 5 Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура. 6 Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.
Товрат-хьехамаш а, къинош а
7- 7:7 Арадаккхар 20:17; Карлабаьккхинарг 5:21. Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла». 8 Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. 9 Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира, 10 ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра. 11- 7:11 Доладалар 3:13. Къино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.
12 Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.
13 ТӀаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Ӏожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Ӏожаллина тӀе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чӀогӀа къилахь хилар гучудоккху.
Вайна чохь болу къовсам
14 Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох. 15- 7:15 Галатахошка 5:17. Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо. 16 Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса. 17 Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду. 18 Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга. 19 Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса. 20 Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.
21 Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар. 22 Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо. 23 Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох. 24 Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах? 25 Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна!
Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.
8Делан Синца долу дахар
1 Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, 2 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо+ 8:2 *Хьо *– вукху тептарш тӀехь: *со.* паргӀатваьккхина дела. 3 Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. 4 Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. 5 Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. 6 Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргӀато а ю. 7 И хӀунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагӀа хуьлу. Делан хьехамийн Ӏедална муьтӀахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтӀахь ца хилало иза. 8 Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало.
9 Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. 10 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегӀ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду+ 8:10 *Ткъа шун са дийна ду *– я иштта: *ткъа Делан Сино шуна дахар лур ду.*, Дала шу бакъдина долу дела. 11- 8:11 1 Коринтхошка 3:16. Ӏийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Ӏийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догӀмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула.
12 Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай. 13 ХӀунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь – шу лийр ду, ткъа Делан Синан гӀоьнца шайн дегӀо летош долу къинош аша хӀаллакдахь – шу Дела волчохь дехар ду. 14 ХӀунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду. 15- 8:15 Марк 14:36; Галатахошка 4:6. Аша тӀеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тӀеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба+ 8:15 *Абба *– арамхойн маттахь иза «Дада!» бохург ду.*, сан Дада!» 16 Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна. 17 Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.
Хиндолу сийлалла
18 Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хӀинца ловш йолу халонаш хӀумма а доцург лору ас. 19 Дала кхоьллина мел долу хӀума сатийсарца ладоьгӀуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дӀаделладаларе. 20- 8:20 Доладалар 3:17-19. Дала мел кхоьллинарг цу хӀуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, 21 Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргӀатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргӀатонехь хилийтархьама. 22 Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хӀума хӀинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна. 23- 8:23 2 Коринтхошка 5:2-4. Дала мел кхоьллинчо дина а ца Ӏаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгӀуш. Оцу хенахь Дала вайн догӀмаш паргӀатдохур ду. 24 ХӀунда аьлча вай кӀелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тӀаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга? 25 Ткъа вай хӀинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгӀуш.
26 Цу кеппара гӀорасиза долчу вайна Делан Сино а гӀо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доӀанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тӀера Деле доьху дешнашца вайга дӀа ца алалучу узаршца. 27 Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тӀера Делан лаамца Цо доьху дела.
28 Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тӀекхайкхинчеран дуьхьа. 29 Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КӀентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. 30 Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тӀекхайкхина, ткъа, тӀе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина.
Дала леррина Къобалвинчуьнгахула адамашка болу Делан безам
31 ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал? 32 Шен КӀант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДӀавеллачо, шеко яц, Шен КӀантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгӀатна лург хиларх! 33 Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. 34 Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза. 35 ДӀакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Ӏожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац! 36- 8:36 Забур 43:23. Делан Йозанаша ма-бохху:
«Хьо бахьана долуш, хӀора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду.
Тхо дайа кечдина долу уьстагӀий санна хета царна».
37 ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. 38 Со теша, я Ӏожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, 39 я цхьана а вайна тӀехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хӀумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула болчу Делан безамах вай дӀакъасто йиш цахиларх.
9Дела а, Цуьнан халкъ а
1 Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна: 2 Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь. 3 Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу 4- 9:4 Арадаккхар 4:22. исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш. 5 Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
6 Ша йина чӀагӀо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамӀ дойла дац, хӀунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой. 7- 9:7 Доладалар 21:12. Дала ИбрахӀим а, цуьнан тӀаьхье а къастийна елахь а, ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю». 8 И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен. 9- 9:9 Доладалар 18:10. ХӀунда аьлча Дала дина ваӀда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогӀур ву, тӀаккха Саратан кӀант хир ву».
10 И хилла а ца Ӏа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кӀант а волуш, берах йолчу хенахь. 11- 9:12 Доладалар 25:23. Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». И ши кӀант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Ӏалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Ӏалашо. Динчу гӀуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза. 13- 9:13 Малъаки 1:2, 3. Делан Йозанаш тӀехь яздинчуьнца догӀуш ма ду иза:
«Якъуб Суна везавелира,
ткъа Ӏесав ца вийзира».
14 ХӀун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац! 15- 9:15 Арадаккхар 33:19. ХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху:
«Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу,
Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
16 И бохург хӀара ду: стеган лааме я цо гӀуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг. 17- 9:17 Арадаккхар 9:16 (Грекийн). Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирӀуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дӀахӀоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тӀехь массо а адамашна Сайн цӀе йовзийтархьама а». 18 Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
Делан оьгӀазалла а, къинхетам а
19 Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Ӏалашонна дуьхьал?» 20- 9:20 ЕшаӀ-ЯхӀу 29:16; 45:9. Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хӀумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хӀунда йина ахьа?» 21 Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегӀа лараме долчу гӀуллакхна, ткъа важа пхьегӀа ларамаза долчунна ян?
22 Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. 23 И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера. 24 Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Ӏаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а. 25- 9:25 ХӀушаӀ 2:23. ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь Дала иштта боху:
«Сайн доцучу халкъах –
„Сан халкъ“ эр ду Аса,
Сайна езаш йоцучух а –
„Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
26- 9:26 ХӀушаӀ 1:10. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь,
„Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга».
27- 9:27, 28 ЕшаӀ-ЯхӀу 10:22, 23 (Грекийн). Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац. 28 ХӀунда аьлча лаьтта тӀехь дехаш долчу адамашна ян йогӀу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю». 29- 9:29 ЕшаӀ-ЯхӀу 1:9 (Грекийн). ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара:
«Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара,
вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара,
Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».
Исраилхой а, хаза кхаъ а
30 ХӀун эр вай хӀинца? Вайна хӀара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар. 31 Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало. 32 Ткъа хӀунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гӀуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тӀулгах» тасабелира уьш, 33- 9:33 ЕшаӀ-ЯхӀу 28:16 (Грекийн). Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара:
«Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу
адамаш тасалур болу тӀулг а,
нах галбовлуьйтур йолу тарх а.
Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
101 Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле. 2 Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш. 3 Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш. 4 Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама.
5- 10:5 Ӏамалъяр 18:5. Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». 6- 10:6-8 Карлабаьккхинарг 30:12-14. Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). 7 «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). 8 ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. 9 «Ӏийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву. 10 ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво. 11- 10:11 ЕшаӀ-ЯхӀу 28:16 (Грекийн). Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац». 12 Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо. 13- 10:13 Юал 2:32. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву».
14 Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча? 15- 10:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:7. Ткъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: « Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!» 16- 10:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:1 (Грекийн). Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?» 17 Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша.
18- 10:18 Забур 18:5 (Грекийн). Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху:
«Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар.
Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».
19- 10:19 Карлабаьккхинарг 32:21. Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху:
«Халкъ доцучу халкъе
Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун,
ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца
Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
20- 10:20 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:1 (Грекийн). Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху:
«Ца лехначарна
Со карийна,
Сох лаьцна ца хоьттучарна
Со вовзийтина Аса».
21- 10:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:2 (Грекийн). Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
11Исраилан халкъе Делан болу безам
1- 11:1 Пилапхошка 3:5. Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. 2 Дала дӀа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хӀун боху Эли-ЯхӀу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: 3- 11:3 Сулим 19:10, 14. «Веза Эла! Хьан пайхамарш хӀаллакбина, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара». 4- 11:4 Сулим 19:18. Ткъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо. 5 ХӀинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Ӏийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. 6 Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гӀуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара.
7 Иштта жамӀ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. 8- 11:8 Карлабаьккхинарг 29:4; ЕшаӀ-ЯхӀу 29:10. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара:
«Дала церан дегнаш артдина,
таханлерчу дийне схьакхаччалц
хӀумма а ца го бӀаьргаш а,
хӀумма а ца хеза лергаш а
церан хилийтархьама».
9- 11:9, 10 Забур 68:23, 24 (Грекийн). Дауд-паччахьо боху:
«Цара шаьш-шайна хӀиттийначу тойнашкахь
гуро а, речӀано а лоцийла уьш.
Гал а бевлла, охьаэгийла уьш,
бекхам а бойла царна.
10 Бода богӀийла
церан бӀаьргашна хӀумма а ца гархьама,
баккъаш а хуьлийла церан ситтина
гуттаренна а».
11 Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кӀелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагӀ хилийтархьама. 12 Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча!
13 Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. 14 Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? 15 Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?!
16 Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина. 17 Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта. 18 Амма дӀахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар.
19 Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тӀедогӀийтархьама хадийна ма ду». 20 Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дӀахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила. 21 ХӀунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо? 22 Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дӀабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидӀа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дӀахадийна. 23 Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тӀедогӀаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахӀиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хӀунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дӀахӀитто. 24 Акхачу зайт-диттах дӀахедийна долу гаьннаш, Ӏаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тӀе доьгӀна хилча, тӀаккха дикачу зайт-диттах дӀахедийнарш кхин а дика дугӀур ма ду шайн долчу дитта тӀе.
25 Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц. 26- 11:26 ЕшаӀ-ЯхӀу 59:20, 21 (Грекийн). Цул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара:
« КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву.
Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.
27- 11:27 ЕшаӀ-ЯхӀу 27:9 (Грекийн). Аса иштта барт бийр бу цаьрца,
церан къиношна Айса гечдича».
28 Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш. 29 Дала Шена тӀебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгӀатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. 30 Уьш Далла муьтӀахь ца хиларна, мацах Далла муьтӀахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина. 31 Иштта хӀинца уьш Далла муьтӀахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хӀинца+ 11:31 *ХӀинца *– цхьадолчу тептарш тӀехь и дош ца хуьлу.* къинхетам бархьама. 32 ХӀунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтӀахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама.
Дела хастор
33- 11:33 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:8. ЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! 34- 11:34 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:13 (Грекийн). Делан Йозанашкахь ма аьлла:
«Делан хьекъал хьанна девзар ду,
я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш?
35- 11:35 Аюб 41:3. Хьан елла Цунна цхьа хӀума,
цунна Иза декхарийлахь а волуш?»
36- 11:36 1 Коринтхошка 8:6. ХӀунда аьлча массо а хӀума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!
12Далла гӀуллакх деш долу дахар
1 Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь. 2 ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.
3 Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. 4- 12:4, 5 1 Коринтхошка 12:12. Вайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц. 5 Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю. 6- 12:6-8 1 Коринтхошка 12:4-11. Вайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. 7 Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. 8 Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
9 Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. 10 Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. 11 Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш. 12 Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш. 13 Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.
14- 12:14 Маттай 5:44; Лака 6:28. Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. 15 Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. 16- 12:16 Кицанаш 3:7. Вовшашца бертахь Ӏелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тӀекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
17 Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш. 18 Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш. 19- 12:19 Карлабаьккхинарг 32:35. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло». 20- 12:20 Кицанаш 25:21, 22 (Грекийн). Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагӀа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа». 21 Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тӀехь толам баккха.
13Ӏедална гергахь долу декхарш
1 ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу. 2 Цундела Ӏедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тӀе кхел йоуьйту. 3 ХӀунда аьлча дика гӀуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гӀуллакхаш дечарна бу. Ӏедалах ца кхоьруш Ӏен лаьий хьуна? Дика де, тӀаккха Ӏедало хьо хастор ву. 4 Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела. 5 Иштта, таӀзарх кхерарна хилла а ца Ӏаш, вайн дог цӀена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтӀахь хила деза.
6- 13:6, 7 Маттай 22:21; Марк 12:17; Лака 20:25. Цундела урхалчашна йогӀу ял дӀало, уьш и гӀуллакх даим кхочушдан дӀахӀиттийна Делан белхалой болу дела. 7 ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.
Вовшашна юкъахь долу декхарш
8 Цхьанна а цхьа а хӀума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дӀабала беза безам боцург, хӀунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. 9- 13:9 а: Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; б: Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; ц: Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; д: Арадаккхар 20:17; Карлабаьккхинарг 5:21; э: Ӏамалъяр 19:18. Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». 10 Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду.
11 И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тӀекхаьчнийла а хууш, хӀунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хӀинца герга ду Дала вай кӀелхьардахарна. 12 Буьйса дӀаяьлла, де тӀекхаьчна. Цундела боданан гӀуллакхех дӀа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. 13 Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш. 14 Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.
14Хьайн динан ваша бехке ма ве
1- 14:1-6 Ковлусихошка 2:16. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца. 2 ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. 3 Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву. 4 Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта.
5 Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. 6 Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. 7 Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Ӏа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Ӏа. 8 Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. 9 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. 10- 14:10 2 Коринтхошка 5:10. Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дӀахӀитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. 11- 14:11 ЕшаӀ-ЯхӀу 45:23 (Грекийн). Яздина ма ду:
«Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса,
боху Везачу Эло,
хӀора а адам, гора а хӀоьттина,
Суна хьалха суждане гӀур ду,
ткъа Со Дела хиларх лаьцна
хӀора маттахь тоьшалла дийр ду».
12 Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.
Къинош ма летадайта кхечуьнга
13 ХӀинца чул тӀаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а. 14 Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. 15 Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХӀаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дӀаделларг. 16 Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца. 17 ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. 18 Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву.
19 Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай. 20 Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хӀума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хӀума яар вон ду. 21 Жижиг цадаар а, чагӀар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хӀума цадар гӀолехь ду. 22 Цу хӀуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тӀехь ша бехке цавийриг. 23 Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хӀума цо яахь, хӀунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хӀума къилахь ду+ 14:24-26 *Цхьадолчу тептарш тӀехь аяташ 16:25-27 кхузахь тӀетоьхна ду.*.
15Хьайна тамехь дерг а ца деш, кхечунна тамехь дерг де
1 Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш. 2 Вайх хӀораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахӀотторна а хуьлуьйтуш. 3- 15:3 Забур 68:10. ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна». 4 Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама.
5 Доьналлин а, иракарахӀитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар. 6 Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да.
Кхечу къаьмнех болчу нахана лерина хаза кхаъ
7 Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тӀеэцаре терра, аша а тӀеэца вовшийн, Дела хаставархьама. 8 Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна+ 15:8 *Жуьгташна *– Грекийн маттахь: *сунтбинчарна.* ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а, 9- 15:9 Дауд 22:50; Забур 17:50. кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара:
«Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву,
иллешкахь ас Хьан цӀе язйийр ю».
10- 15:10 Карлабаьккхинарг 32:43. Кхин а аьлла ду:
«Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш,
Делан халкъаца цхьаьна».
11- 15:11 Забур 116:1. Кхин а боху:
«Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара,
хастам бе Цунна массо а халкъаша!»
12- 15:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:10 (Грекийн). ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а иштта боху:
«Юшайн тӀаьхьенах цхьаъ гучувер ву.
Иза къаьмнашна тӀехь олалла дан гӀоттур ву,
ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу».
13 Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.
ПахӀала иштта майра яздаран бахьана
14 Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. 15 Амма цхьадолчу гӀуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела, 16 кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан гӀуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дӀа а къастийна, Далла тамехь долу сагӀа санна хилийтархьама. 17 Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гӀуллакхех сан дозалла дойла ду. 18 Кхечу къаьмнех болу нах Далла тӀеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас соьгахула дина доцу цхьа а хӀума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гӀуллакхашца а 19 тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хӀуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гӀалара Иллирик-махкана тӀекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дӀасабаржийна. 20 Айса хаза кхаъ дӀакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цӀе евзаш йоцучу меттигашкахь а дӀакхайкхо, иза кхечо дӀахӀотийначу бух тӀехь ца дархьама. 21- 15:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:15 (Грекийн). Амма яздина ма ду:
«Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу,
цахезначарна а вевзар ву».
ПахӀал Риме кхача дагахь ву
22- 15:22 Римхошка 1:13. Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дӀаван. 23 Ткъа хӀинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дӀаван сан дагахь долу дела а, 24 со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгӀа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тӀаьхьа, суна новкъа вала гӀо дан тарло аша. 25- 15:25, 26 1 Коринтхошка 16:1-4. Ткъа хӀинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гӀуллакх дан. 26 Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гӀалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагӀина ахча дахьийта. 27- 15:27 1 Коринтхошка 9:11. И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Ӏийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. 28 И гӀуллакх чекх а даьккхина, сагӀина гулдинарг царна билггал дӀакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гӀала чувоьрзур ву. 29 Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх.
30 Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тӀера Деле чӀогӀа доӀанаш дар. 31 Аса Деле доьху, ЯхӀуд-махкахь Ӏийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гӀуллакх тамехь хилийтар а. 32 Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дӀа а веана, паргӀат шуьца хан йоккхур ю аса. 33 Вайна синпаргӀато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.
16Шеггара долу маршаллаш
1 Аса шуьга дӀахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гӀаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гӀоьнча ю. 2 Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тӀеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тӀехь гӀо а дейша, хӀунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гӀо дина цо.
3- 16:3 Векалийн 18:2. Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана гӀуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а. 4 Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и. 5 Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а.
Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву. 6 Маршалла ло шун дуьхьа чӀогӀа къахьегна йолчу Мареме а. 7 Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига+ 16:7 *Юнига *– я иштта: *Юнасе. *Цхьадолчу тептарш тӀехь ду: *Юлига.* а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу.
8 Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Ӏампале. 9 Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а. 10 Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тӀехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цӀийнах болчаьрга. 11 Маршалла ло сан къомах волчу ХӀарудига. Маршалла ло Нару-Касин цӀийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга.
12 Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю. 13- 16:13 Марк 15:21. Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гӀуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а. 14 Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХӀермига а, Пата-Рубе а, ХӀармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а. 15 Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а.
16 Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца+ 16:16 *Делан безачу безамца *– ма-дарра аьлча: *беза барт баккхарца.*. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша.
ТӀаьххьара бина хьехамаш
17 Динан вежарий, аса чӀогӀа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гӀертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. 18 ХӀунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх ца до. Цара шайн гайна гӀуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцӀена долу адамаш Ӏехадо цара. 19 Хазачу кхоана шун муьтӀахь хилар массарна а гӀарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцӀена долуш. 20 СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду.
Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.
21- 16:21 Векалийн 16:1. Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гӀуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а.
22 Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хӀара кехат дӀаяздинчу Тертис.
23- 16:23 а: Векалийн 19:29; 1 Коринтхошка 1:14; б: 2 Тимапига 4:20. Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тӀеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гӀалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а+ 16:23 *Цхьадолчу тептарш тӀехь 24-гӀа аят тӀетоьхна ду: *Вайн Веза Эла волчу, Дала лерина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика шуьца ду. Амин. *Кхидолчу тептарш тӀехь иза 27-гӀачу аятана тӀаьхьа тӀетоьхна ду.*.
Дела хаставар
25 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ. 26 И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама.
27 Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула! Амин.