Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална

довзийтинарг

Дешхьалхе

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг Ӏийсан нах Ӏазапехь хиллачу хенахь яздина дара, хӀунда аьлча уьш Дала леррина къобалвина Ӏийса Веза Эла хиларх тешнера. Яздархочун коьрта Ӏалашонаш ю дешархой иракарахӀиттор а, царна дегайовхо ялар а, иштта шаьш баланаш а, Ӏазапаш а ловш долчу хенахь кхидӀа тешаме дисаре кхайкхар а.

Тептар тӀехь йоккха меттиг дӀалоцуш ду Дала довзийтина цхьадолу гӀуллакхаш а, Дала хӀиттийна цхьадолу суьрташ а. Уьш билгалонашкахь дуьйцуш ду. Ӏийсах тешна болу хӀетахьлера нах цу билгалонех кхетар бара, амма кхечарна массарна а церан маьӀна девзар дацара. Мукъаман дакъош санна, кху тептаран ойланаш тайп-тайпана суьрташ хӀиттарца мосуьйттазза карлайохуш ю. Тептаран маьӀна ма-дарра муха дан деза аьлла, тайп-тайпана хетарш делахь а, цуьнан коьрта ойла шеко йоцуш иштта ю: Веза Эла волчу, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала тӀаьххьара а Шен мостагӀашна тӀехь (царна юкъахь иблис а долуш) кхоччуш толам боккхур бу. И толам баккхар чекхдаьллачул тӀаьхьа, Шена тешаме болу нах декъалбийр бу Цо, керла стигал а, керла латта а луш.

1

1 Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина. 2 Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. 3 Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.

Ӏийсах тешначу динан ворхӀ тобане дахьийтина маршаллаш

4- 1:4 а: Арадаккхар 3:14; б: Довзийтинарг 4:8. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо:

Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана+ 1:4 *Ӏарш *– Делан стигалахь йолу олаллин меттиг.* хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а, 5- 1:5 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 55:4; б: Забур 88:28. билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.

Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна, 6- 1:6 Арадаккхар 19:6; Довзийтинарг 5:10. Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.

7- 1:7 а: Даниал 7:13; Маттай 24:30; Марк 13:26; Лака 21:27; 1 Тассалникахошка 4:17; б: Закри-ЯхӀу 12:10; Яхьъя 19:34, 37. Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву,

тӀаккха массарна гур а ву Иза,

ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь.

Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах.

Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!

8- 1:8 а: Довзийтинарг 22:13; б: Арадаккхар 3:14. «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».

Дала леррина Къобалвинчо Ша Яхьъяна гучувоккху

9 Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со. 10 Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна. 11 Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».

12 И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар. 13- 1:13 а: Даниал 7:13; б: Даниал 10:5. Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. 14- 1:14 Даниал 7:9. - 1:14, 15 Даниал 10:6. Цуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна. 15- 1:15 Яхьазкхиал 1:24; 43:2. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин+ 1:15 *Чухчари *– лакхара охьадогӀу дуккха а долу хи.* гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз. 16 Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. 17- 1:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 44:6; 48:12; Довзийтинарг 2:8; 22:13. Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а. 18 Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш. 19 Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна. 20 Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».

2

Эпас-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

1 «Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде:

Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо: 2 „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна. 3 Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира. 4 Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна. 5 Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар. 6 Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.

7- 2:7 а: Доладалар 2:9; Довзийтинарг 22:2; б: Яхьазкхиал 28:13; 31:8 (Грекийн). Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:

‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».

Симран-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

8- 2:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 44:6; 48:12; Довзийтинарг 1:17; 22:13. Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

«Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо: 9 „Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. 10 Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.

11- 2:11 Довзийтинарг 20:14; 21:8. Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:

‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».

Паргам-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

12 «Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

Иштта боху Шен карахь шинна а агӀор ира долу тур Долчо: 13 „Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а. 14- 2:14 а: Лелар 22:5, 7; 31:16; Карлабаьккхинарг 23:4; б: Лелар 25:1-3. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка. 15 Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь. 16 Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.

17- 2:17 а: Арадаккхар 16:14, 15; 16:33, 34; Яхьъя 6:48-50; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 62:2; 65:15. Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:

‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».

Тхьайтир-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

18- 2:18 Даниал 10:6. «Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

Иштта боху бӀаьргаш цӀеран алу санна а, когаш къегачу цӀастанах санна а болчу Делан КӀанта. 19 „Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а. 20- 2:20 Сулим 16:31. Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хӀума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цӀе йолчу зудчунна дан магош доцу гӀуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хӀуманаш а леладойтуш, цӀушна сагӀина еана хӀума а йоуьйтуш. 21 Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза. 22 ХӀинца Ас цамгарийн Ӏазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гӀуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гӀуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тӀе ца берзахь. 23- 2:23 а: Забур 7:10; Ярми-ЯхӀу 17:10; б: Забур 61:13. Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.

24 Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кӀоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тӀаьхьахӀиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тӀе ца йохку Ас шуна. 25 Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. 26- 2:26, 27 Забур 2:8, 9 (Грекийн). Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра,

‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас.

Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду,

кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’.

Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.

29 Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

3

Сардис-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

1 «Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду. 2 Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар. 3- 3:3 Маттай 24:43, 44; Лака 12:39, 40; Довзийтинарг 16:15. Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со. 4 Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. 5- 3:5 а: Арадаккхар 32:32, 33; Забур 68:29; Довзийтинарг 20:12; б: Маттай 10:32; Лака 12:8. Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.

6 Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

Палидалпи-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

7- 3:7 ЕшаӀ-ЯхӀу 22:22; Аюб 12:14. «Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц. 8 „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна. 9- 3:9 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 49:23; 60:14; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 43:4. Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла. 10 Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах. 11 Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта. 12- 3:12 а: Довзийтинарг 21:2; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 62:2; 65:15. Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.

13 Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

Лаудика-гӀаларчу динан тобане яздина кехат

14- 3:14 Кицанаш 8:22. «Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:

Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: 15 „Девза Суна шун гӀуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу! 16 Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу. 17 ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх! 18 Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама! 19- 3:19 Кицанаш 3:12; Ӏебархошка 12:6. Сайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза! 20 Хьовсал! Со, неӀарах пӀелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неӀ дӀайиллинчун цӀа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хӀума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву. 21 Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.

22 Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».

4

Стигаларчу Ӏаршана гонах

1 Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна». 2- 4:2, 3 Яхьазкхиал 1:26-28; 10:1. Цу сохьта суна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Ӏарш, шена тӀехь охьахиъна Верг а волуш. 3 Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара. 4 Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара. 5- 4:5 а: Арадаккхар 19:16; Довзийтинарг 8:5; 11:19; 16:18; б: Яхьазкхиал 1:13; ц: Довзийтинарг 1:4; Закри-ЯхӀу 4:2. Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду. 6- 4:6 Яхьазкхиал 1:22. - 4:6, 7 Яхьазкхиал 1:5-10; 10:14. Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара.

Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалх а, тӀехь а шорта бӀаьргаш дара церан. 7 Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгӀа дийнат старгӀанах тера дара. КхозлагӀчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгӀаниг тӀемаяьллачу аьрзунах тера дара. 8- 4:8 а: Яхьазкхиал 1:18; 10:12; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 6:2, 3. Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура:

«Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла,

хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а

массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.

9 Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, 10 и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:

11 «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела,

сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца.

ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а.

И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».

5

Тептар а, Ӏахар а

1- 5:1 Яхьазкхиал 2:9, 10; ЕшаӀ-ЯхӀу 29:11. ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара. 2 Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?» 3 Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь+ 5:3 *Лаьтта бухахь *– иза эхартехь бохург ду (хьажал 1:18).* цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а. 4 И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. 5- 5:5 а: Доладалар 49:9; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 11:1, 10. Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».

6- 5:6 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 53:7; б: Закри-ЯхӀу 4:10. ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш. 7 Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. 8- 5:8 Забур 140:2. ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара. 9- 5:9 Забур 32:3; 97:1; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:10. Цара, керла эшар а локхуш, бохура:

«Хьакъ долуш ву Хьо,

и тептар схьа а эцна,

цу тӀера мухӀарш дӀадаха,

хӀунда аьлча Хьо вийна вара.

ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера

Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.

10- 5:10 Арадаккхар 19:6; Довзийтинарг 1:6. Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа,

цаьрга Хьайна гӀуллакх дайтархьама.

Ткъа цара кху Лаьтта тӀехь паччахьалла дийр ду».

11- 5:11 Даниал 7:10. Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. 12 Цара, аз чӀагӀ а деш, олура:

«Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу

нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а,

ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».

13 Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а – царна чохь долчу массо хӀумано а – олуш хезира суна:

«Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла

Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».

14 Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.

6

ВорхӀ мухӀар дӀадаккхар

1 ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!» 2- 6:2 Закри-ЯхӀу 1:8; 6:3, 6. Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара.

3 Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» 4- 6:4 Закри-ЯхӀу 1:8; 6:2. ТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира.

5- 6:5 Закри-ЯхӀу 6:2, 6. Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. 6 Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»

7 ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» 8- 6:8 Яхьазкхиал 14:21. Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.

9 Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. 10 Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» – аьлла. 11 ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.

12- 6:12 а: Довзийтинарг 11:13; 16:18; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Юал 2:10, 31; 3:15; Маттай 24:29; Марк 13:24, 25; Лака 21:25. Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира. 13- 6:13, 14 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:4. ЦӀеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тӀера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тӀе охьаийгира. 14- 6:14 Довзийтинарг 16:20. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира. 15- 6:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 2:19, 21. Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира. 16- 6:16 ХӀушаӀ 10:8; Лака 23:30. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а. 17- 6:17 Юал 2:11; Малъаки 3:2. Цара таӀзар даран къематде тӀедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»

7

МухӀар тӀетохарца билгалваьккхина волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг

1- 7:1 Ярми-ЯхӀу 49:36; Даниал 7:2; Закри-ЯхӀу 6:5. Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама. 2 ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: 3- 7:3 Яхьазкхиал 9:4, 6. «Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна». 4 И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.

5 Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна;

Раабанан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Гадин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

6 Ашаран тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Напталан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Маннашан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

7 ШимӀин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Левин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Иссарханан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

8 Забулан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Юсупан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;

Бен-Яманан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана.

Адамийн йоккха тоба

9 Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара. 10 Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!» 11 Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара. 12 «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чӀагӀо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тӀейогӀучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша.

13 Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»

14- 7:14 Даниал 12:1; Маттай 24:21; Марк 13:19. Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла».

ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина.

15 Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца.

Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до.

Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.

16- 7:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 49:10. ХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац.

Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.

17- 7:17 а: Забур 22:1; Яхьазкхиал 34:23; б: Забур 22:2; ЕшаӀ-ЯхӀу 49:10; ц: ЕшаӀ-ЯхӀу 25:8. ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш.

Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу.

Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».

8

ВорхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаккхар

1 Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь. 2 Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.

3- 8:3 а: Ӏамос 9:1; б: Арадаккхар 30:1, 3. ТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама. 4 ТӀаккха оцу хьожа йогӀучу хӀуманах баьлла кӀур Делан долахь болчеран доӀанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. 5- 8:5 а: Ӏамалъяр 16:12; Яхьазкхиал 10:2; б: Арадаккхар 19:16; Довзийтинарг 11:19; 16:18. Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.

Дуьххьара локхуш йолу йиъ турба

6 Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира.

7- 8:7 Арадаккхар 9:23-25; Яхьазкхиал 38:22. Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.

8 ШолгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хӀума хӀорда чу а кхоьссина, хӀордийн кхоалгӀа дакъа цӀий хилла дӀахӀоьттира. 9 ХӀордашна чохь йолчу садолчу хӀуманийн кхоалгӀа дакъа а хӀаллакьхилира. Иштта хӀаллакьхилира хӀордкеманийн кхоалгӀа дакъа а.

10- 8:10 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:12. КхоалгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгӀачу декъа тӀе охьабуьйжира и седа. 11- 8:11 Ярми-ЯхӀу 9:15. Цу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.

12- 8:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Яхьазкхиал 32:7; Юал 2:10, 31; 3:15. ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.

13 Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»

9

ПхоьалгӀа турба

1 ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа. 2- 9:2 Доладалар 19:28. Бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа цо дӀадаьстича, цу некъа тӀера, йоккхачу пешана чуьра санна, кӀур схьатесира. Оцу баьллачу кӀуьро малх а, хӀаваъ а кхолийра. 3- 9:3 Арадаккхар 10:12-15. ТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана. 4- 9:4 Яхьазкхиал 9:4. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. 5 ЦӀазана тӀедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. 6- 9:6 Аюб 3:21; Ярми-ЯхӀу 8:3. Цу деношкахь адамаша шайна Ӏожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дӀадовла луур ду, амма Ӏожалла царах йодур ю.

7- 9:7 Юал 2:4. ТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8- 9:8 Юал 1:6. Цу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9- 9:9 Юал 2:5. Цу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. 10 ЦӀазан, сту лоцучу гезгийн санна, цӀогарчий дара, цӀогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цӀазан цӀоганашкахь бара. 11 Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).

12 Цхьа бала дӀабаьлла. Ткъа цунна тӀаьххье тӀебогӀуш кхин а ши бала бу.

ЙолхалгӀа турба

13- 9:13 Арадаккхар 30:1-3. ЙолхалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маӀа чуьра цхьа аз хезира суна. 14 Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!» 15 ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. 16 Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бӀе миллионан барамехь дара. 17 Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а. 18 Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а. 19 Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цӀогарчашкаххьий боллура. Церан цӀогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара.

20- 9:20 Забур 113:12-15; 134:15-17; Даниал 5:23. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. 21 И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.

10

Тептар карахь долу малик

1 ТӀаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тӀе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тӀехула стелаӀад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цӀерах богу бӀогӀамаш санна, бара. 2 Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира. 3 Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш. 4 Цу ворхӀе а озо къамел дича, со дӀаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхӀе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дӀа а ма язде».

5- 10:5-7 Арадаккхар 20:11; Карлабаьккхинарг 32:40; Даниал 12:7; Ӏамос 3:7. Суна хӀордана тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна, 6 стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан. 7 ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла.

8- 10:8-10 Яхьазкхиал 2:8–3:3. Стигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гӀой, и делладелла долу хьарчийна тептар хӀорда тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца».

9 Аса, оцу маликана тӀе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла.

Малико соьга элира: «ДӀа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и».

10 Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира. 11 Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».

11

Ши теш

1- 11:1 Яхьазкхиал 40:3; Закри-ЯхӀу 2:1, 2. Йохалла юстархьама Ӏасанах тера болу эрз белира сан кара. ТӀаккха соьга элира: «Хьала а гӀаттий, Делан цӀа а дуста, сагӀа доккху кхерч а буста, цу цӀа чуьра Далла Ӏамал ян догӀу адамаш а дагарде. 2- 11:2 Лака 21:24. Ткъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю. 3 Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».

4- 11:4 Закри-ЯхӀу 4:3, 11-14. Дерриг а Лаьтта тӀехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш. 5 Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цӀаро мостагӀий дӀакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хӀаллакван везаш ву. 6- 11:6 а: Сулим 17:1; б: Арадаккхар 7:17-19; ц: Шамъал 4:8. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.

7- 11:7 а: Даниал 7:7; Довзийтинарг 13:5-7; 17:8; б: Даниал 7:21. Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву. 8- 11:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 1:9, 10. Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла. 9 ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац. 10 Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгӀаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела. 11- 11:11 Яхьазкхиал 37:10. Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира. 12- 11:12 Сулим 2:11. Шина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара. 13- 11:13 Довзийтинарг 6:12; 16:18. Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.

14 ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.

ВорхӀалгӀа турба

15- 11:15 Арадаккхар 15:18; Даниал 2:44; 7:14, 27. ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду». 16 Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора. 17 Цара бохура:

«Ва массо а ницкъийн Веза Дела,

Хьуна бу хастам, волуш волу а,

хилла волу а Веза Эла,

Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна,

паччахьалла дан доладарна.

18- 11:18 а: Забур 2:5; 109:5; б: Забур 113:21. Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира,

амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана,

Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна.

Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а,

Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а,

лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а

хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана.

Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»

19- 11:19 а: Довзийтинарг 8:5; 16:18; б: Довзийтинарг 16:21. Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.

12

Зуда а, саьрмик а

1 Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара. 2 И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.

3- 12:3 Даниал 7:7. Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара. 4- 12:4 Даниал 8:10. Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама. 5- 12:5 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 66:7; б: Забур 2:9. Оцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира. 6 Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.

7- 12:7 Даниал 10:13, 21; 12:1; Довзийтинарг 1:9. Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира. 8 Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна. 9- 12:9 а: Доладалар 3:1; б: Лака 10:18. И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.

10- 12:10 Аюб 1:9-11; Закри-ЯхӀу 3:1. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура:

«ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна.

Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана!

ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха

вайн динан вежарий бехке а ийзош,

уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.

11 Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а,

шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна.

Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.

12 Иштта, яккхийелаш стигалш а,

стигалш тӀехь дехаш дерш а!

Декъаза ду-кх лаьтта тӀехь а,

хӀорда чохь а дехаш дерш!

ХӀунда аьлча, шен йисина хан кӀеззиг юйла а хууш,

дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!»

13 Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира. 14- 12:14 Даниал 7:25; 12:7. Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тӀам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тӀема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дӀа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара. 15 ТӀаккха зудчунна тӀаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дӀаяхьийтархьама. 16 Амма Лаьтто гӀо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дӀасадаханчу лаьттан кийрано дӀахуьйдира. 17 Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.

13

1- 13:1 а: Даниал 7:3; б: Довзийтинарг 17:3, 7-12. ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик+ 13:1 *И саьрмик *– цхьадолчу тептарш тӀехь ду: *со. *Цу тайпана хӀара предложени шолгӀачу предложеница йоьзна яра.*.

ХӀорда чуьра схьадаьлла экха

Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра. 2- 13:2 Даниал 7:4-6. И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна. 3 ТӀаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Ӏожаллин чов, амма и чов дӀайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тӀаьхьаделира. 4 Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?»

5- 13:5, 6 Даниал 7:8, 25; 11:36. Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна. 6 Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо. 7- 13:7 Даниал 7:21. Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна. 8- 13:8 Забур 68:29. Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.

9 Лергаш долчо ладугӀийла хӀокхуьнга.

10- 13:10 Ярми-ЯхӀу 15:2; 43:11. Адамна йийсар динарг

ша а вуьгур ву йийсаре.

Туьраца стаг вийнарг

ша а лийр ву туьрах.

Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.

Лаьттан кийрара схьадолу экха

11 Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Ӏахаран санна, ши маӀа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора. 12 Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира. 13 Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. 14 ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар. 15 ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. 16 ШолгӀачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира. 17 Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара.

18 Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.

14

Ӏахар а, Цуьнан халкъ а

1- 14:1 Яхьазкхиал 9:4; Довзийтинарг 7:3. Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра. 2 Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гӀовгӀа чухчарин гӀовгӀанах а, чӀогӀа къекъачу стигалан гӀовгӀанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тӀехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. 3 Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора. 4 Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама. 5- 14:5 Цапни-ЯхӀу 3:13. Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.

Кхо малик

6 ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама. 7 Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».

8- 14:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 21:9; Ярми-ЯхӀу 51:8; Довзийтинарг 18:2. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».

9 КхоалгӀа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Ӏибадат а дахь, я шен хьаьжа тӀе, я шен куьйга тӀе цу экханан мухӀар а таӀадайтахь, 10- 14:10 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 51:17; б: Доладалар 19:24; Яхьазкхиал 38:22. Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. 11- 14:11 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:10. Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».

12 Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Ӏийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу.

13 ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“».

«Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».

Лаьттахь ялта хьокху хан тӀеяр

14- 14:14 Даниал 7:13. Со дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. 15- 14:15 Юал 3:13. Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».

16 ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.

17 Стигалахь долчу Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара.

18 Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана уллора цӀарна тӀехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тӀедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тӀера кемсийн хорханаш схьаяха, хӀунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». 19 ТӀаккха малико шен ира марс лаьтта тӀехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. 20- 14:20 ЕшаӀ-ЯхӀу 63:3; Тийжамаш 1:15; Довзийтинарг 19:15. ГӀалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Ӏаьвдира. ТӀаккха цу чуьра цӀий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тӀе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бӀе чаккхарма хиллал гонах дӀасадаьржира.

15

Шайгахь тӀаьххьара ворхӀ бала болу маликаш

1 ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.

2 ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара. 3- 15:3 Арадаккхар 15:1. Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура:

«Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш,

массо а ницкъийн Веза Дела!

Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш,

дуьненан къаьмнийн Паччахь!+ 15:3 *Дуьненан къаьмнийн паччахь *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *заманийн паччахь.*

4- 15:4 а: Ярми-ЯхӀу 10:7; б: Забур 85:9. Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла?

Хьан цӀе а хьан язйийр яцара?

ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза!

Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина,

Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду.

ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш

тхуна гучу ма девлла».

5- 15:5 Арадаккхар 38:21. Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира. 6 Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. 7 Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш. 8- 15:8 Арадаккхар 40:34; Сулим 8:10, 11; 2 Шерашкахь 5:13, 14; ЕшаӀ-ЯхӀу 6:4. ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.

16

Делан дераллин боганаш

1 Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».

2- 16:2 Арадаккхар 9:10. Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.

3 ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира.

4- 16:4 Арадаккхар 7:17-21; Забур 77:44. КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира. 5 ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира:

«Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг,

Ахь йина кхелаш иштта хиларна.

6 Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна,

Ахь цаьрга цӀий малийти.

Царна и дан хьакъ а ду».

7 СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура:

«ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела,

билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».

8 ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар. 9 Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.

10- 16:10 Арадаккхар 10:21. ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура. 11 Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.

12- 16:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:15. ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. 13 ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. 14 Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.

15- 16:15 Маттай 24:43, 44; Лака 12:39, 40; Довзийтинарг 3:3. «ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».

16- 16:16 Закри-ЯхӀу 12:11. Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.

17 ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» 18- 16:18 Довзийтинарг 8:5; 11:13, 19. ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра. 19- 16:19 ЕшаӀ-ЯхӀу 51:17. Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга. 20- 16:20 Довзийтинарг 6:14. ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира. 21- 16:21 Арадаккхар 9:23; Довзийтинарг 11:19. Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.

17

ЧӀогӀа сийсаза лела зуда

1- 17:1 Ярми-ЯхӀу 51:13. ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар. 2- 17:2 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:17; Ярми-ЯхӀу 51:7. Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».

3- 17:3 Довзийтинарг 13:1. Делан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра. 4- 17:4 Ярми-ЯхӀу 51:7. Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара. 5 Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», – аьлла. 6 ТӀаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Ӏийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цӀийно и зуда яхийна хилар.

Иза гича, со чӀогӀа инзарваьллера. 7 Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна. 8- 17:8 а: Даниал 7:7; Довзийтинарг 11:7; б: Забур 68:29. Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.

9 Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхӀ корта – иза зуда тӀехиъна болу ворхӀ гу бу. 10 Иштта уьш ворхӀ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хӀинца а дийна ву. Ткъа тӀаьххьарниг хӀинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кӀезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан. 11 Ткъа мацах дийна а хилла, хӀинца делла долу экха – иза оцу ворхӀаннах цхьаъ волу борхӀалгӀа паччахь ву. Иза шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву.

12- 17:12 Даниал 7:24. Хьуна гуш йолу итт маӀа – уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю. 13 Оцу итте а паччахьан цхьатерра Ӏалашонаш хир ю. Цара шайн ницкъ а, олалла а экханна дӀалур ду. 14 Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».

15 Малико соьга элира: «Шена тӀехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду. 16 Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю. 17 ХӀунда аьлча Дала оцу итт маӀан даг чу Шен Ӏалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дӀадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц.

18 Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».

18

Бавел-гӀалин хӀаллакьхилар

1 Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра. 2- 18:2 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 21:9; Ярми-ЯхӀу 51:8; Довзийтинарг 14:8; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 13:21; Ярми-ЯхӀу 50:39. Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. 3- 18:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:17; Ярми-ЯхӀу 51:7. ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».

4- 18:4 ЕшаӀ-ЯхӀу 48:20; Ярми-ЯхӀу 50:8; 51:6, 45. ТӀаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна:

«Сан халкъ, арадала оцу гӀали чуьра,

цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта,

хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.

5- 18:5 Доладалар 18:20, 21; Ярми-ЯхӀу 51:9. Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду.

Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.

6- 18:6 Забур 136:8; Ярми-ЯхӀу 50:29. Цо кхечарна динчу гӀуллакхашка хьажжий, дӀадекхалаш цунна!

Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дӀадекхалаш цунна.

Цо шайна чагӀар кечдинчу кедахь

цул шозза дукха чагӀар кечде аша цунна.

7- 18:7, 8 ЕшаӀ-ЯхӀу 47:7-9. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Ӏийна хиларе терра,

аша а оццул баланехь а, гӀайгӀанехь а хилийта иза.

ХӀунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Ӏаш ю.

Со йисина Ӏаш ерг яц.

Со цкъа а хир яц гӀайгӀане!“

8 Цундела цхьана дийнахь богӀур бу цунна тӀе цуьнан баланаш:

ялар а, гӀайгӀане хилар а, мацалла а.

И гӀала цӀергахь йогур ю,

хӀунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».

9- 18:9, 10 Яхьазкхиал 26:16, 17. ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу. 10 Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду:

«Къа ду хьан, йоккха гӀала!

Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин!

ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь

хьуна кхел йина-кх!»

11- 18:11 Яхьазкхиал 27:31, 36. Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц. 12- 18:12, 13 Яхьазкхиал 27:12, 13, 22. Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а, 13 хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш. 14 Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан». 15- 18:15 Яхьазкхиал 27:31, 36. И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш, 16 цара эр ду:

«Къа ду хьан, ва йоккха гӀала!

Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а

кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь.

Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а,

жовхӀаршца а

кечйора хьо.

17- 18:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:14; Яхьазкхиал 27:26-30. Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!»

Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира. 18- 18:18 Яхьазкхиал 27:32. Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!» 19- 18:19 Яхьазкхиал 27:30-34. ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура:

«Къа ду хьан, ва йоккха гӀала!

ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара

оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира.

Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».

20- 18:20 Карлабаьккхинарг 32:43; Ярми-ЯхӀу 51:48. Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.

21- 18:21 а: Ярми-ЯхӀу 51:63, 64; б: Яхьазкхиал 26:21. Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира:

«Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю

сел йоккха йолу Бавел-гӀала,

иза кхин юха хир а йоцуш!

22- 18:22, 23 Ярми-ЯхӀу 7:34; 25:10. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь

мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш,

шедагаш а, маӀаш а локхучеран а аьзнаш.

Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь.

Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гӀовгӀа а хезар яц хьуна чохь.

23 Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь.

Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш.

Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш.

Хьуна чохь болчу бозбунчаша Ӏехийнера массо а халкъаш».

24- 18:24 Ярми-ЯхӀу 51:49. Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!

19

1 Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура:

«Далла бу хастам!+ 19:1 *Далла бу хастам *– ма-дарра аьлча, яздархочо кхузахь а, берриге а 19-чу коьртехь а Ӏебархойн маттера долу дош леладо: *ХӀалалу-ЯхӀу.*

Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.

2- 19:2 Карлабаьккхинарг 32:43; Сулим 9:7. Цуьнан кхелаш билггал бакъ а,

нийсо йолуш а ю.

Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна,

оцу йоккхачу гӀалина.

Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера.

Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна,

Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».

3- 19:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:10. ШозлагӀа а олуш хезира суна:

«Хастам бу Далла!

Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».

4 ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»

Ӏахаро зуда ялор

5- 19:5 Забур 113:21. ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура:

«Хастамаш бе вайн Далла

массо а Цуьнан ялхой болчара а,

Цунах кхоьруш болчу

лараме боцучара а, цӀеяханчара а».

6- 19:6 а: Яхьазкхиал 1:24; б: Забур 92:1; 96:1; 98:1. Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура:

«Хастам бу Далла!

ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела

паччахьалла дан волавелла.

7 Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай.

Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай.

ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна,

ткъа Цо ялош ерг кечъелла.

8 Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина».

(Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)

9- 19:9 Маттай 22:2, 3. Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».

10 Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».

КӀайчу дин тӀехь волу дошло

11- 19:11 а: Яхьазкхиал 1:1; б: Забур 95:13; ЕшаӀ-ЯхӀу 11:4. Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо. 12- 19:12 Даниал 10:6. Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю. 13 ЦӀийно тӀадийна оба яра Цунна тӀехь. Беречун цӀе «Делан Дош» ю. 14 Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш. 15- 19:15 а: Забур 2:9; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 63:3; Юал 3:13; Довзийтинарг 14:20. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю. 16 Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».

17- 19:17, 18 Яхьазкхиал 39:17-20. ТӀаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тӀемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТӀема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне. 18 Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».

19 ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан. 20- 19:20 Довзийтинарг 13:1-18. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира. 21 Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.

20

Цхьана эзар шарахь лаьттар долу паччахьалла

1 Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра. 2- 20:2 Доладалар 3:1. Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико. 3 Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.

4- 20:4 Даниал 7:9, 22. Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира. 5 (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. 6 Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.

Иблисана тӀехь толам баккхар

7 И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш. 8- 20:8 а: Яхьазкхиал 7:2; б: Яхьазкхиал 38:2, 9, 15. Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю. 9 Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира. 10 Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.

Адамашна тӀаьххьара кхел яр

11- 20:11, 12 Даниал 7:9, 10. Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. 12 ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. 13 ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. 14 Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.) 15 Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.

21

Керла стигал а, керла латта а

1- 21:1 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:17; 66:22; 2 Кипин 3:13. Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара. 2- 21:2 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 52:1; б: Довзийтинарг 3:12; ц: ЕшаӀ-ЯхӀу 61:10. ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза. 3- 21:3 Яхьазкхиал 37:27; Ӏамалъяр 26:11, 12. Стигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву. 4- 21:4 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 25:8; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 35:10; 65:19. Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».

5 Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду». 6- 21:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:1. Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала. 7- 21:7 Дауд 7:14; Забур 88:27, 28. Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву. 8 Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».

Керла Ярушалайм

9 ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна». 10- 21:10 Яхьазкхиал 40:2. Суна тӀе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тӀе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогӀу еза Ярушалайм-гӀала. 11 Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар. 12- 21:12, 13 Яхьазкхиал 48:30-35. Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра. 13 Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара. 14 ГӀалин и пенаш шийтта тӀулган бух тӀехь лаьтташ дара. Цу баххаш тӀе дӀаязйина Ӏахаран шийтта векалан цӀераш яра. 15- 21:15 Яхьазкхиал 40:3. Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь. 16 И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара. 17 ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара. 18 И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. 19 ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг – саппир олучу, кхоалгӀаниг – халкидон, боьалгӀаниг – изумруд, 20 пхоьалгӀаниг – сардоникс, йолхалгӀаниг – сардис, ворхӀалгӀаниг – хризолит, борхӀалгӀаниг – вирил, уьссалгӀаниг – топаз, уьтталгӀаниг – хризопрас, цхьайтталгӀаниг – яцинт, шийтталгӀаниг – аметист олучу дезачу тӀулгех бинера. 21 ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.

22 Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь. 23- 21:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 60:19, 20. Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу. 24- 21:24 ЕшаӀ-ЯхӀу 60:3. Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу. 25- 21:25, 26 ЕшаӀ-ЯхӀу 60:11. Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела. 26 Халкъийн хьал а, хазна а цу гӀали чу яхьар ю. 27- 21:27 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:1; Яхьазкхиал 44:9. Цхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.

22

1- 22:1 Яхьазкхиал 47:1; Закри-ЯхӀу 14:8. ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда. 2- 22:2 Доладалар 2:9. Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла. 3- 22:3 Закри-ЯхӀу 14:11; Доладалар 3:17. Шайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь.

Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш. 4 Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь. 5- 22:5 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 60:19; б: Даниал 7:18. Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.

Ӏийса схьавар

6 Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».

7 «Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»

8 Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама. 9 Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»

10 Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю. 11- 22:11 Даниал 12:10. Харцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла».

12- 22:12 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 40:10; 62:11; б: Забур 27:4; ЕшаӀ-ЯхӀу 40:10; Ярми-ЯхӀу 17:10. Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама. 13- 22:13 а: Довзийтинарг 1:8; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 44:6; 48:12; Довзийтинарг 1:17; 2:8. Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».

14- 22:14 Доладалар 2:9; 3:22; Довзийтинарг 7:14. Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а. 15 ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.

16- 22:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:1, 10. «Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».

17- 22:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:1. Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш.

И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!»

Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.

Чаккхе

18- 22:18, 19 Карлабаьккхинарг 4:2; 12:32. Кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна. 19 Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан».

20 Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву».

Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!

21 Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а.