Забур
Дешхьалхе
Делан Йозанийн тептаршна юкъахь Забур цӀе йолу тептар – назманаш а, доӀанаш а долу тептар ду. Дуккха а хенахь и назманаш а, доӀанаш а дохура тайп-тайпанчу яздархоша. Исраилхоша уьш, гул а дина, Далла Ӏамалъечу хенахь леладора. Эххар а цара гулдинарг Делан Йозанашна чудеара.
И динан байташ тайп-тайпана хуьлу: Далла хастам баран назманаш хуьлу, гӀо а, лардар а, кӀелхьардахар а доьхуш долу доӀанаш хуьлу, шайна чохь гечдар доьху байташ хуьлу, Дала динчу диканна Далла баркалла аларан иллеш хуьлу, иштта, мостагӀашна таӀзар даран дехарш хуьлу. Тептаран доӀанашна юкъахь цхьана стага а, къомо а дина доӀанаш хуьлу. Цхьадолчу доӀанашкахь цхьана стеган уггар кӀорга ойланаш гучуйохуш ю, ткъа кхидолу доӀанаш Делан массо а халкъан долу хьаштех а, ойланех а лаьцна ду.
Цхьадолчу назманашна тӀехь хӀора аятан хьалхарчу дешан хьалхара элп нохчийн абатан рогӀехь хуьлу. «Акростик» цӀе йолчу оцу кепо, абат кхачаме хиларе терра, байтийн кхачамалла гойту.
Забур тӀера назманаш Ӏийсас Шен хьехамашкахь ялош хилла, Инжилан яздархоша а пайда оьцура царах. Ткъа Ӏийсах тешначийн динан гуламаша, шаьш Далла Ӏибадат дечу хенахь, чӀогӀа еза лору уьш.
1Хьалхара тептар
(Забур 1–40)
Бакъдолу декъалалла
1 Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг,
къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг,
кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!
2 Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг,
царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!
3- 1:3 Ярми-ЯхӀу 17:8. Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна,
шен хенахь стом а ло цо,
гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан,
ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.
4 Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу!
Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.
5 Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран
Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац.
Къинош летораш а хилалур бац
Делан лаамехь болчеран гуламехь.
6 ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо,
ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.
2Дала къобалвина паччахь
1- 2:1, 2 Векалийн 4:25, 26. Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу?
Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?
2 Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу,
лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу,
Везачу Элана дуьхьал а бевлла,
Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.
3 Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш,
церан олаллех паргӀатдевр вай!»
4 Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех,
Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.
5 ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна,
Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:
6 «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь,
Сайн безачу лам тӀехь».
7- 2:7 Векалийн 13:33; Ӏебархошка 1:5; 5:5.
Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо,
Цо аьлларг иштта ду:
«Хьо Сан кӀант ву,
тахана Хьан Да хили Сох.
8 Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а,
хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.
9- 2:9 Довзийтинарг 2:26, 27; 12:5; 19:15. Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца,
отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».
10 Кхетийша, паччахьаш!
Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!
11 Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца,
даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!
12 Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а,
шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь.
Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду.
Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!
3ГӀо дехарх долу доӀа
1- 3:1 Дауд 15:13–17:22. Дауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.
2 Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий!
Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.
3 Цара сох лаьцна олу:
«Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».
4 Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво.
Хьо ду Сан дозалла,
Ахь ойу сан сий!
5 Ас доггах кхойкху Везачу Эле,
Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.
6 Со вуьжу, наб йо ас,
гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
7 Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех
кхералур вац со.
8 ГӀаттахьа, Веза Эла!
Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела!
Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо,
зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.
9 Везачу Элера ду кӀелхьардовлар.
Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.
4ГӀо доьхуш дина доӀа
1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
2 Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь,
дӀахазахьа со, сан бакъволу Дела.
Хала киртиг тӀехӀоьттича,
Ахь гӀо дора суна,
хӀинца а хилахьа соьца дика,
сан доӀанна жоп лохьа.
3 ХӀай нах! Мел дукха Ӏан дохку шу,
Со сийсаз а веш?
Эрна хӀуманаш а дезаш,
харцдерг а лоьхуш,
мел лела дохку шу?
4 Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш.
Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.
5- 4:5 Эпасхошка 4:26. Шаьш дарделлачу хенахь
къинош ма летадойла аша.
Цунах лаьцна кӀоргге ойланаш аша елаш,
шайн меттахь дӀатийна шаьш Ӏачу хенахь.
6 Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш,
Цунах тешна хилалаш.
7 Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?»
Хьан юьхь тӀера серло тхуна лепийла, Веза Эла!
8 Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс
церан чул дукха ма ду,
кӀа а, чагӀар а
церан шортта делахь а.
9 Меттахь Ӏуьллучу хенахь паргӀат наб йо ас, Веза Эла.
Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш вха ца вуьту со.
5Ларвар доьху доӀа
1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза.
2 Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла,
тергам бехьа сан узарийн.
3 ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела,
аса доккхучу орцане.
Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш.
4 Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас,
Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.
5 Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву.
Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.
6 Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь,
цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
7 Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь.
Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а.
8 Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву,
гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву.
9 Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула,
дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела.
Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ.
10- 5:10 Римхошка 3:13. Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац!
Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду,
церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю,
шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара.
11 Дела, ларахьа уьш бехке!
Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна.
И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела,
Хьайна дуьхьал уьш бовларна.
12 Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш.
Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла.
Ткъа Ахьа ларбехьа уьш.
Хьо везарш самукъане хуьлийла,
Ахьа мел дийриг бахьана долуш.
13 Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг.
Хьан безамо иза, турсо санна, ларво.
6Хало тӀееача дина доӀа
1- 6:1 Забур 37:2. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.
2 ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь.
ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.
3 Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла.
Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со.
4 Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна.
Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?
5 Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са!
Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со.
6 ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац,
веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.
7 Аса дечу узарша со гӀел а во,
дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо.
Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.
8 ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла.
МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу.
9- 6:9 Маттай 7:23; Лака 13:27. ДӀадовла уллора, харцонаш лелораш,
хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.
10 Со Шега кхайкхар дӀа а хезна,
сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло.
11 Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий.
ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш.
7Нийсо йоьху доӀа
1 Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма+ 7:1 *Тийжаме назма *– Ӏебархойн маттахь: *шигаюн. *Цу дешан маьӀна билггала хууш дац.*.
2 Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас.
Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий,
Ахьа паргӀатваккхахьа со,
3 хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара,
кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь.
4 Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь,
я сан куьйго къа латийнехь,
5 нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь,
я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь,
6 мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна,
схьа а лаьцна,
лаьттахь сан са а хьаьшна,
сох чан а йина, вуьтийла со.
7 Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал,
и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш.
Самавалахьа, Сан Дела,
меттахӀоттаехьа нийсо.
8 Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай,
Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь.
9 Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел.
Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел.
Сан дог а цӀена ма ду.
10- 7:10 Довзийтинарг 2:23. Адамийн хьекъал а девза Хьуна,
дегнаш а чекх го Хьуна,
тхан бакъволу Дела.
Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь,
ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа.
11 Со ларвеш долу турс ду Дела,
догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо.
12 Дела бакъонца кхел Йийриг ву.
ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза.
13 Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь,
Цо, Шен тур а ирдой,
Шен Ӏад а дулий,
уьш цунна тӀе хьажадо.
14 Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций,
Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо.
15 Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо,
кхечарна вон болх хила луучо
ша-шена харцо кхуллу.
16 Кхечунна ор доккхург
ша оцу ор чу вужур ву.
17 Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу,
цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду.
18 Ас хастам бо Везачу Элана
Иза бакъ хиларна.
Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна
йиш а локху аса.
8Делан сийлалла а, адаман сий а
1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза.
2 Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!
Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!
Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!
3- 8:3 Маттай 21:16. Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула.
ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа+ 8:3 *ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа *– Грекийн гочдар тӀехь: *хастамаш байтира Ахьа.*, Хьайн мостагӀий бахьана долуш.
Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.
4 Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча,
цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна
буттий, седарчий го суна.
5- 8:5 Аюб 7:17, 18; Забур 143:3; Ӏебархошка 2:6-8. Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?
Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?
6 Стигалийн гуламан декъашхойл
дукха лах ца дина Ахь адам,
сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.
7- 8:7 1 Коринтхошка 15:27; Эпасхошка 1:22; Ӏебархошка 2:8. Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна
Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь.
Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:
8 уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,
9 стигалара олхазарш а,
хӀорда чуьра чӀерий а,
хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.
10 Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!
Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!
9Делан нийсо
1+ 9:1 *Назма 9 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *9:22-39 – 10:1-18.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КӀант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза.
2 Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу,
Хьан массо а тамашийна гӀуллакхаш аса дӀакхайкхор ду.
3 Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву.
Веза Воккха Дела, Хьан цӀарна лерина иллеш ас эр ду.
4 Сан мостагӀий дӀабоьрзучу хенахь,
Хьуна хьалха охьа а оьгий, хӀаллакьхуьлу.
5 Сан гӀуллакхна тӀехь Ахь нийсонца кхел яйтира.
Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Ӏарша тӀе охьахиира.
6 Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира,
Ӏесанаш Ахьа хӀаллакбира,
абаденналц церан цӀераш а дӀаяйира.
7 МостагӀий Ахьа кхаьллина дӀабехи.
Церан гӀаланаш а Ахь хӀаллакйина дӀаехи,
царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дӀабели.
8 Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду.
Цо Шен Ӏарш кхел ярна кечйина ю.
9 Цо дуьненна нийсонца кхел йо,
халкъашна тӀехь а Цо бакъонца иза йо.
10 ГӀело йиначарна Веза Эла гӀап санна а ву,
баланаш тӀехӀиттинчу заманахь тӀетовжа меттиг а ю.
11 Хьан цӀе шайна евзинарш Хьуна тӀетевжа,
хӀунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дӀатесна ца буьту.
12 Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш.
Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш.
13 ЧӀир йоькхуш волчу Цо
гӀело хьоьгучеран узарш диц ца до.
Цо уьш дагахь а латтабо.
14 Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа,
со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа.
Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,
15 Цийонан йоӀан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама.
Воккхавеш хир ву со, Ахьа кӀелхьарваккхарна.
16 Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш,
кӀело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш.
17 Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера.
Ӏесанаш шайн куьйга динчу гӀуллакхаша дӀалаьцна.
18 Эхарте кхочу Ӏесанаш а,
Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а.
19 Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар,
массо а ханна дӀадаьлла дац къечун сатийсар.
20 ГӀаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа,
Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа.
21 Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна,
шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна.
Нийсонах лаьцна доӀа
22 Веза Эла, суна иштта генахь хӀунда ву Хьо?
Со баланехь волуш къайла хӀунда волу Хьо?
23 Дегнаш курадовларна къечарна тӀаьхьабовлу Ӏесанаш.
Шайна дагадаьхкинчу хӀилланаша дӀалоцийла уьш.
24 Шен синан лаамех дозалла до Ӏесачо.
Шена харц пайда лоьхучо
Веза Эла дӀа а тосу,
Цунна сардам а буллу.
25 Дозаллаш дарца Ӏесачунна моьтту,
ша цхьаммо а жоьпе озор вац,
Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.
26 Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху.
Хьан кхел а цунна ма генахь ю.
Иза шен массо а мостагӀашка цавашарца хьоьжу.
27 Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац.
Цкъа а суна зуламе дерг тӀедогӀур дац».
28- 9:28 Римхошка 3:14. Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гӀело ярх а юьзна ю.
Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду.
29 Ярташна уллохь кӀело йо цо,
къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо,
къайлаха декъазачуьнга бӀаьргаш хьежабо цо.
30 Коьллашкахь кӀело йина Ӏуьллучу лоьмо санна,
къечунна къайлаха кӀело йо цо.
Шен бой а тосий, къениг дӀалоцу цо.
31 Сатта а сеттий, таба а тебий,
шен ондачу мӀарашца декъазанаш дӀалоцу цо.
32 Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг.
Шен юьхь дӀа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».
33 Сан Веза Дела, гӀаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа,
Ӏазапехь берш а Ахь биц ма бехьа.
34 Ӏесачунна Дела дегаза хӀунда хета те, шен дагахь:
«Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш?
35 ХӀетте а Хьуна дерриг а го,
зуламан а, халахетаран а тидам бо,
Ӏазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу.
Къечо а ша Хьан кара дӀало.
Байлахь висинчунна а Хьо гӀоьнча ву
36 Ӏесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа,
церан Ӏесаллех уьш жоьпе озабехьа,
церан Ӏесаллех хӀумма а ца диссалц.
37 Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву!
Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тӀера дӀадовр ду.
38 Веза Эла! Хьуна дӀахеза
Хьайна хьалха шаьш кӀезиг хетачийн лаамаш.
Церан дегнаш Ахь чӀагӀ а до, Хьайн лерг царна дӀа а делла.
39 Байлахь висинчунна а, Ӏазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо,
лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама.
10Везачу Элах тешна Ӏаш хилар
1+ 10:1 *Назма 10 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *11.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Везачу Эло со ларвар лоьху аса.
ХӀунда олу аша сан сине:
«Олхазар санна, тӀема а далий,
шайн лома тӀе дӀагӀо?
2 Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина,
шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра,
боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама.
3 ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара,
шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?»
4 Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву,
Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю.
Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу,
дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу.
5 Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а,
ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.
6 Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а,
догӀа санна, охьаӀанор ду Цо.
Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.
7 Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза.
ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю.
11Деле гӀо дар доьхуш дина доӀа
1+ 11:1 *Назма 11 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *12.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.
2 КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла!
Цхьа а суьпаниг ца висна-кх,
адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.
3 ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу.
Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.
4 Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа!
Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!
5 Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо,
хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»
6 Везачу Эло боху:
«ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а,
къечара дечу узарийн дуьхьа а.
Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».
7 Везачу Элан дешнаш – цӀена дешнаш ду.
Кхерча диллина долу, ворхӀазза
дахчийна дети санна уьш ду.
8 Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо,
оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.
9 Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела,
массара а зуламениг хесточу хенахь.
12Делан диканах тешар
1+ 12:1 *Корта 12 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *13.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Кхин а мел ханна хир ду те
Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла?
Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо
соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла?
3 Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш,
хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош?
Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош?
4 Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга,
лохьа суна жоп.
Юхаерзаехьа сан могушалла а,
со велла дӀа ца валийтархьама.
5 Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо!
Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна.
6 Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву.
Ахьа со кӀелхьарваккхарна,
Сан дог самукъадаьлла хир ду.
Ахь суна динчу диканна,
ас Хьуна иллеш эр ду!
13Адамийн Ӏесалла
(Забур 52)
1+ 13:1 *Назма 13 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *14.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Ма телхина нах бу уьш,
цара лелориг мел дегаза хӀума ду.
Диканиг дийриг цхьа а вац царах.
2 Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Веза Эла,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
3 Берриш а нийсачу некъах тилла,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а вац диканиг дийриг,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
4 Кхетаме богӀур болуш а бац те
харцонаш лелош мел берш,
шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш,
ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?
5 ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу,
Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.
6 Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а,
Везачу Эле цо ша лар ма войту!
7 Исраилан халкъана кӀелхьардалар
Цийон-лома тӀера догӀур делахьара!
Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча,
Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара,
Исраилан халкъан самукъадер дара.
14Далла лууш дерг
1- 14:1-3 Римхошка 3:10-12. + 14:1 *Корта 14 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *15.* Даудан назма.
Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо?
Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо?
2 Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш,
бакъахьараниг а деш, даггара
билггал бакъдерг олуш волчун.
3 Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ,
шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш,
шен уллораниг емал а ца веш волчун.
4 Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш,
амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун.
Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь,
шен дашана тӀера волуш воцучун.
5 Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама,
иза духалург луш воцучун а,
бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а.
Цу тайпана лелаш верг
даима а лаьттар ву.
15Делах тешаран доӀа
1+ 15:1 *Назма 15 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *16.* Дауда язйина назма.
Ӏалашвехьа со, Ва Дела,
Ахьа со ларвар аса лоьху дела.
2 Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла.
Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».
3 Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча,
уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.
4 Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран
баланаш совбевр ма бу.
ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац,
церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц.
5 Суна кхочу дакъа а,
сан хинболу кхоллам а,
Веза Эла, Хьо ву.
Сан бала беза кхаж а
Хьан карахь бу.
6 Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду,
Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.
7 Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво.
Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.
8 Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха.
Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.
9 Цундела сан дог а сакъералуш ду,
сан багара мотт а самукъадаьлла бу.
Сан дегӀ а кхерамехь дац.
10- 15:10 Векалийн 13:35. ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.
Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
11- 15:8-11 Векалийн 2:25-28. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,
Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь,
Хьан аьтту агӀор со леларна,
абаденналц а там суна хуьлуьйту.
16Бехк боцучун доӀа
1+ 16:1 *Назма 16 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *17.* Даудан доӀа.
Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дӀа а хазий,
тергамца сан тийжаме ладогӀахьа,
харц йоцучу сан багара доӀа тӀеэцахьа.
2 Ахь нийса кхел йийр ю суна,
бакъдерг Хьуна дика ма го.
3 Сан деган кӀоргене хьаьжира Хьо.
Буьйсанна сан терго а йина,
со Ахьа зийча,
цхьа а вониг ца карийра Хьуна.
Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта
сацам бина аса.
4 Хьан багара долучу дешнашна тӀаьхьа а хӀуьттуш,
ларлуш лела со.
Ткъа адамаша лелочу гӀуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а
со тӀаьхьа ца хӀуьтту.
5 Хьан некъахула леларца сайн когаш чӀагӀбира аса.
Уьш дӀа а ца бевлла цу некъа тӀера.
6 Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела.
Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай,
дӀахазахьа сан дешнаш.
7 Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа,
Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тӀегӀертачех
Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кӀелхьарбохуш верг.
8 Хьайн тӀемийн ӀиндагӀехь хьулвехьа со,
йоӀбӀаьрг санна, ларвехьа со
9 суна тӀегӀоьртинчу буьрсачу мостагӀех,
суна го бинчу сан са лоьхучу мостагӀех.
10 Церан дог ца лозу кхидолчу адамех,
ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.
11 Уьш суна тӀе а гӀоьртина,
хӀинца суна го а бина цара,
шайн бӀаьргаш суна тӀе хьажийна цара,
со лаьтта охьатаӀо гӀерта уьш.
12 Ижунах хьаьгна долчу мецачу лоьмах тера бу уьш,
къайлаха тӀекхета кечделлачу къоначу лоьмах тера бу уьш.
13 Веза Эла! Дуьхьалвалахьа сан мостагӀашна,
царна тӀе а гӀортий, Ахь эшабехьа уьш.
Хьайн туьраца кӀелхьардаккхахьа сан са
оцу зуламхойх.
14 Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кӀелхьарваккхахьа со,
кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах,
церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду.
Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таӀзарш дехьа царна,
церан бераш а таӀзарех дузахьа,
церан берийн берашна а царах диснарг лохьа.
15 Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь,
самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна.
17Даудан хастаман назма
1+ 17:1 *Корта 17 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *18.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагӀийн а, Шаулан а карара ша Цо кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира:
2 «Веза Эла, Хьо веза суна,
Хьо сан ницкъ бу!
3 Веза Эла – сан чхар, сан чӀагӀо,
со КӀелхьарваккхархо ву.
Сан Дела сан тарх ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу.
Иза со къайлавоккху меттиг а ю.
4 Шена хастам бан хьакъ долчу
Везачу Эле ма кхойкху со,
ткъа Цо сан мостагӀех кӀелхьарвоккху со.
5 Ӏожаллин зӀенаша дӀалаьцнера со,
дохаран тулгӀенаша дӀахьош вара со.
6 Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох,
Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
7 Сайна бохам баьллачу дийнахь
Везачу Эле орца даьккхира Аса.
Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со.
Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира.
Сан орца Цуьнан лере дӀакхечира.
8 Латта дега а дира, ласта а лестира,
лаьмнийн баххаш меттах а девлира,
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.
9 Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира,
доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира,
догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура.
10 Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11 Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза,
механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза.
12 Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех
Шена къайлаволу меттиг йира,
Цунна гонах иза четар санна хилира.
13 Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара
Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира,
къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.
14 Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира
15 Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагӀий дӀасалаьхкира.
ЧӀогӀа ткъес а тоьхна,
Цо уьш дӀа ма бовдийтира.
16 Веза Эла, Хьан оьгӀазе аз дӀахезча,
Хьан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча,
хӀордийн баххаш гучудевлира,
лаьттан баххаш схьаделладелира.
17 Везачу Эло лакхенгара,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18 Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.
19 Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира,
амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
20 Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.
21 Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цӀена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла.
22 Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делехьара дӀа ца верзалуш, со Ӏеса а ца лелара.
23 Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.
24 Цунна хьалха со цӀена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25 Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.
26 Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27 ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу.
28 Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху,
ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаӀабо.
29 Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо.
Сан бода а Дала серлабоккху.
30 Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
31 Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу!
Везачу Элан дош ма цӀена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.
32 Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург?
Тарх санна, дӀахӀоьттина мила ву, вайн Дела воцург?
33 Берриг ницкъ а Дала ло суна,
дахаран некъ а нисбо Цо сан.
34- 17:34 Хьабукъа 3:19. Сан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхенашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
35 Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо,
аса хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.
36 Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан аьтту куьйго со лар а вира.
Хьан гӀодаро со тӀех воккха а войтура.
37 Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан болар гал ца долура.
38 Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, царна тӀекхиира со.
Уьш, хӀаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со.
39 Хьала ца гӀовттабаллал ас уьш охьабехкира,
ткъа уьш сан когашка охьаийгира.
40 Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41 Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина,
цундела со цавезнарш ас хӀаллакбина.
42 Цара, шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо царна жоп ца лора.
43 Мохо дӀасаяржо чан санна,
царах кегийра дакъош ас дора.
Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура.
44 Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кӀелхьарваьккхина.
Кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалхо Ахь со вина.
Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хӀинца суна гӀуллакх до.
45 Сох лаьцна шайна дӀа-ма-хеззи,
суна муьтӀахь хуьлу уьш.
Кхечу мехкашкара нах
суна хьалха хьестало.
46 Даг чохь болчу кхерамо гӀора дӀадаьккхинера церан,
цундела, бега а беш, шайн чӀагӀонашкара арабуьйлура уьш.
47 Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда со кӀелхьарвоккху Дела!
48 Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
49 сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.
50- 17:50 Римхошка 15:9. Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе а хестор ю ас.
51 Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».
18Делан сийлалла Цуьнан кхоллараллехь ю
1+ 18:1 *Назма 18 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *19.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Стигалша Делан сийлалла гойту.
Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.
3 Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо,
тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.
4 Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца,
церан аз а дац хезаш.
5- 18:5 Римхошка 10:18. Дерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар.
Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла.
Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.
6 Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а,
къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.
7 Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза,
вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан.
Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.
8 Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу,
цо синан чӀагӀо йо.
Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду,
Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.
9 Везачу Элан омранаш бакъахьара ду,
цара дог айадо.
Везачу Элан весет сирла ду,
цо бӀаьргаш серладоху.
10 Везачу Элах кхерар цӀена ду,
иза абаделлалц ду.
Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю,
уьш нийса а ю.
11 И дерриге а дешил деза ду,
мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.
12 Хьан лена а цара боккха хьехам бо,
уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.
13 Ша латийна массо а къинош хьанна го?
Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.
14 Лаам болуш леточу къинойх+ 18:14 *Лаам болуш леточу къинойх *– я иштта: *Кураллех.* ларвехьа Хьайн лай,
цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш.
ТӀаккха цӀена хир ву со,
даккхийчу къиношна бехке а воцуш.
15 Веза Эла, сан Тарх а,
суна паргӀато Лург а,
сан бетера долу дешнаш а,
сан деган ойланаш а
тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.
19Толам баккхарна дина доӀа
1+ 19:1 *Корта 19 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *20.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана,
ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро.
3 Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра,
Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.
4 Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна,
ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна.
5 Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а,
ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо.
6 Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду,
тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю.
Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.
7 ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла.
Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна
Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.
8 Цхьаболчара гӀудалкхех,
вукхара говрех,
ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.
9 Уьш, мал а белла, ийгира,
ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира.
10 Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа,
тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.
20Баьккхинчу толамна хастам бар
1+ 20:1 *Корта 20 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *21.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь,
Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза.
3 Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна,
цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа.
4 ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна,
цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе.
5 Цо дахар далар дийхира Хьоьга,
Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан.
6 Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна.
Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла.
7 Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна.
Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.
8 ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву,
Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан.
9 Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий,
Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш.
10 Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш.
Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш,
цӀеро буур бу уьш.
11 Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа,
адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа.
12 ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира,
вон Ӏалашонаш а хӀиттийра,
амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга.
13 ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь.
Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе.
14 Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна.
Оха хастор ву Хьо иллешкахь
Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь.
21Ӏазапехь а хилла, Далла хастам бар
1+ 21:1 *Корта 21 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *22.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хӀара Даудан назма.
2- 21:2 Маттай 27:46; Марк 15:34. Сан Дела! Ва сан Дела!
Со хӀунда вити Ахьа?
Ас чӀогӀа орца даьккхинехь а,
сан кӀелхьарвалар генахь ду суна.
3 Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела,
Ахьа суна жоп-м ца ло.
Буьйсанна а кхойкху со,
амма сан синтем бац.
4 Ткъа Хьо Везаниг ву,
Хьан Ӏарш Исраилан
хастамаш тӀехь лаьтташ ю.
5 Хьох тешаш хилла тхан дай.
Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.
6 Хьоьга кхойкхура цара – уьш кӀелхьара а бовлура.
Уьш Хьох тешара, цундела юьхьӀаьржачу а ца хӀуьттура.
7 Ткъа со-м, адам а доцуш, нӀаьна санна ву.
Адамийн дог долу сох,
халкъана дегаза хета со.
8- 21:8 Маттай 27:39; Марк 15:29; Лака 23:35. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох.
Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:
9- 21:9 Маттай 27:43. «Везачу Элах тешна ма вара иза –
Цо иза кӀелхьарваккха веза-кх.
Везачу Эло иза паргӀатвоккхийла,
Ша цунна реза велахь».
10 Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа.
Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.
11 Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна
Хьуна дӀавелла вара со.
Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна
Хьо Дела ву сан.
12 Суна гена ма валахь, хӀунда аьлча
тӀебогӀу бала гергахь бу,
ткъа гӀодийриг вац сан.
13 Алссам йолчу старгӀанаша го бина суна.
Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.
14 Ижунах а хьаьгна, гӀам-гӀим дечу лоьмо санна,
суна тӀе шайн баганаш гӀаттийна цара.
15 Со, хи санна, Ӏана вахана.
Ерриг а даьӀахкаш вовшахъевлла сан.
Дог, балоз санна а хилла,
кхерамна кийрахь дешна дӀадаьлла сан.
16 Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегӀера дӀабаьлла,
сан багара мотт а къамкъаргах дӀалетта.
Со Ӏожаллин чене дӀавуьллу Ахь.
17 ЖӀаьлех тарбеллачу наха го бина суна,
буьрсачу арданго го лаьцна сан.
Цара цергаш чекхъяьхна
сан куьйгех а, когех а.
18 Ерриге а даьӀахкаш ягаръялур ю сан.
Нах, суна тӀе а хьоьжуш, боьлу сох.
19- 21:19 Маттай 27:35; Марк 15:24; Лака 23:34; Яхьъя 19:24. Цара вовшашлахь йоькъу сан тӀеюху хӀуманаш,
кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.
20 Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна.
Хьоьгара бу сан ницкъ, гӀоьнна волахьа суна.
21 Туьрах кӀелхьардаккхахьа сан са,
жӀаьлех а кӀелхьардаккхахьа сан дахар.
22 Лоьман бага вахарх кӀелхьарваккхахьа со,
акхачу бугӀанан маӀех ларвехьа со.
Ахь суна жоп ма делла!
23- 21:23 Ӏебархошка 2:12. Хьан цӀе сайн вежаршна кхайкхор ю аса.
Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.
24 Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна.
Якъубан дерриг а хӀу! Сийде Цуьнан.
Исраилан ерриг а тӀаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.
25 ХӀунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара,
цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира.
Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах,
амма, иза Шега кхайкхича, дӀахезира Везачу Элана.
26 Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса.
Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваӀданаш кхочушдийр ду аса.
27 Къечара шаьш буззалц юур ю.
Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу.
Шу абаденналц а дехийла!
28 Дуьненан массо а маьӀӀера адамаш,
Иза къобал а вина, Везачу Элана тӀедоьрзур ду.
Массо а къаьмнийн болчу доьзалша,
охьа а таьӀна, Цунна Ӏибадат дийр ду.
29 ХӀунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла.
Цо дерриге а къаьмнашна тӀехь олалла до.
30 Лаьттахь токхо а йолуш Ӏаш болчара,
Цунна Ӏибадат а деш, сагӀа дуур ду.
Коше а кхаьчна, чан хилларг а,
дахар лардар шен карахь доцург а –
массо а Цунна хьалха суждане гӀур ву.
31 Хинйолу тӀаьхье Цунна Ӏамал еш хир ю.
Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.
32 Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду,
дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.
22Веза Эла сан Ӏу ву
1+ 22:1 *Корта 22 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *23.* Даудан назма.
Веза Эла сан Ӏу ву.
Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.
2- 22:2 Довзийтинарг 7:17. Цо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво,
тийначу хи тӀе а вуьгу со.
3 Сан синна ницкъ а луш,
Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.
4 Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а,
вонах кхоьрур вац со,
хӀунда аьлча Хьо соьца ву.
Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна.
5 Сан мостагӀашна а гуш,
суна хьалха кхача биллина Ахь.
Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь.
Сан кад а тӀех буьзна бу.
6 Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь,
тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.
23Сийлаллин Паччахь волу Веза Эла
1- 23:1 1 Коринтхошка 10:26. + 23:1 *Корта 23 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *24.* Даудан назма.
Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду.
Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.
2 ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а,
хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.
3 Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе,
я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?
4- 23:4 Маттай 5:8. Шегара зулам цадолуьйтург,
дог цӀена дерг,
шен са зуламехьа цахьажориг,
Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
5 Везачу Эло декъалвийр ву иза.
Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.
6 Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран,
Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!
7 Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неӀарш, дӀаеллало,
сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
8 Мила ву сийлаллин Паччахь?
Иза онда а, чӀогӀа а волу,
тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.
9 Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неӀарш, дӀаеллало,
сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!
10 Мила ву сийлаллин Паччахь?
Массо а ницкъийн Веза Эла,
Иза сийлаллин Паччахь ву.
24Шена тӀехь куьйгалла дар а, ша кӀелхьарваккхар а доьхуш дина доӀа
1+ 24:1 *Корта 24 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *25.* Даудан назма.
А са+ 24:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю, абат кхачаме хиларе терра, цхьана тайпанан кхачамалла а гойтуш.* Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
2 Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела!
Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа.
Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.
3 Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац,
ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
4 Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш,
Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.
5 Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со.
Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со,
Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.
6 Е рриг а заманашкахь дуьйна болу
Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а
дагабаийтахьа, ва Веза Эла.
7 З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа.
Къоналлин къиношна гечдехьа сан.
Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина,
со дагаваийтахьа, Веза Эла,
Хьо дика волу дела.
8 И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна,
бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.
9 К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо,
Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.
10 Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна
Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.
11 М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла,
Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.
12 Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь,
адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.
13 О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю,
цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.
14 П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан
Шега ларамах буьзначаьрца,
Шен барт а Цо царна бовзуьйту.
15 Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна,
сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.
16 С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа,
хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.
17 Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш,
сан баланех со хьалхаваккхахьа.
18 У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а,
со гӀелваларан а тидам бехьа,
сан дерриге а къиношна гечдехьа.
19 Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш.
Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.
20 Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со.
Хьох тешна Ӏаш волу дела,
юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.
21 Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела,
цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.
22 Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех,
Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.
25Бехк боцучун доӀа
1+ 25:1 *Корта 25 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *26.* Даудан назма.
Веза Эла, бехказаваккхахьа,
цӀеначу новкъахула леларна, со.
Цкъа а гал ца волуш,
Хьох тешна лелаш ма вара со.
2 Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа.
Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.
3 Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу,
Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.
4 Мекарчу адамашца со ца Ӏа,
шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.
5 Зуламхойн гулам суна ца беза,
Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.
6 Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса,
цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву
Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,
7 сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а,
Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.
8 Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а,
Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.
9 Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца,
сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.
10 Церан карахь ду зуламаш дар,
церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.
11 Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву.
КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.
12 Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь.
Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.
26Везачу Элах тешна Ӏаш хилар
1+ 26:1 *Корта 26 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *27.* Даудан назма.
Веза Эла – сан серло а ю, сан кӀелхьарвалар а ду.
Со хьанах кхоьрур ву?
Веза Эла – сан дахаран дӀалечкъийла ю.
Со хьан Ӏадор ву?
2 Нагахь санна зуламе берш суна тӀегӀортахь,
со дӀакхаллархьама, сан мостагӀий тӀелатахь,
уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.
3 Нагахь тӀеман тоба суна дуьхьалъялахь а,
сан дог кхералур дац.
Суна тӀамца тӀегӀортахь а,
хӀетте а сан сатийсам хир бу.
4 Везачу Эле цхьа хӀума доьхура аса,
изза бен ца лоьху аса.
Иза ду, со вехаш мел ву,
Везачу Элан цӀа чохь со Ӏен лаар,
Цуьнан хазалле хьежархьама а,
Цуьнан цӀа чохь Цунах дагавалархьама а.
5 Со холчу хӀоьттинчу дийнахь Цо
Шен четар кӀел дӀахьулвийр ма ву со.
Ша Ӏачу метте дӀалачкъор ма ву со,
Цо тарха тӀе а воккхур ма ву со.
6 ТӀаккха сан корта суна го бинчу
мостагӀашна тӀехь хьалаайабелла хир бу.
Иза Ӏаш волчу меттехь аса, аз а айдеш,
массо а тайпана сагӀанаш дохур ду,
Везачу Элана хьалха аса иллеш а,
хастаме назманаш а эр ду.
7 Веза Эла, Хьоьга дӀакхойкхуш долу сан аз дӀа а хазахь,
сох къинхетам а бехьа, суна жоп а лохьа.
8 Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха.
Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла.
9 Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа.
Хьо оьгӀазвахханчохь Хьайн лай дӀа ма таттахьа.
Хьо сан гӀоьнча вара.
ДӀа а ма таттахьа, дӀа а ма тасахьа со,
ва сан Дела, сан КӀелхьарвоккхург!
10 Сан дас а, сан нанас а со витича а,
Везачу Эло со тӀеоьцур вара.
11 Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Ӏамавехьа со.
Нийсачу некъа тӀе ваккхахьа со,
сан мостагӀий сан тергам беш хиларна.
12 Сан мостагӀийн лаамийн кара дӀа ма лохьа со,
хӀунда аьлча суна дуьхьал гӀевттина
харцтоьшаллаш дийраш,
къизаллица са а доьӀуш.
13 Со тешна Ӏаш дерг хӀара ду:
со дийна а волуш гур ду суна
Везачу Эло мел до дика.
14 Везачу Эле сатийса.
Доьналла долуш а хила,
хьайн дог а чӀагӀде.
Везачу Эле сатийса.
27ГӀо оьшучун доӀа
1+ 27:1 *Корта 27 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *28.* Даудан назма.
Хьоьга кхойкху ас,
Веза Эла, сан Тарх!
Суна жоп ца луш
ма хилалахь.
Хьо вист ца хилча,
эхарте кхаьчначех тарлур ву со.
2 Сан доӀанаш дӀахазалахь
ас Хьайга орца дохучу хенахь,
Хьан дезачу цӀийне
ас куьйгаш ойучу хенахь.
3 Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш,
ткъа дагахь вониг долчу а,
зуламе гӀуллакхаш дечу а,
Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со.
4- 27:4 Довзийтинарг 22:12. Церан гӀуллакхашка а,
цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий,
кхел ехьа царна.
Церан куьйгийн балхе хьажжий,
ял лохьа царна,
хьакъ дерриг юхалохьа царна.
5 Везачу Эло диначунна а,
Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а,
цара тидам тӀе ца бахийтарна,
Цо хӀаллакбийр бу уьш,
юха метта а ца хӀиттош.
6 Хастам бу Везачу Элана,
Цунна сан доӀанаш хезна.
7 Веза Эла сан чӀагӀо ю,
со ларвеш долу турс ду Иза.
Цунах тешна дара сан дог,
тӀаккха Цо гӀо дира суна.
Сан дог доккхадеш ду,
сайн иллешца ас хаставо Иза.
8 Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю,
Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю.
9 Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха,
Хьайн тӀаьхье декъал а е.
Церан Ӏу хилахьа,
уьш даим Ӏалаш а беш.
28Везачу Элан нуьцкъала аз
1+ 28:1 *Корта 28 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *29.*- 28:1, 2 Забур 95:7-9. Даудан назма+ 28:1 *Грекийн гочдар тӀехь тӀетоьхна ду: *Кхалоран дезачу денойн тӀаьхьарчу ханна.*.
Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
2 Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.
3 Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула.
Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела.
Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.
4 Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз,
сийлахь а ду Везачу Элан аз.
5 Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо.
Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.
6 Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту,
Хьермон-лам+ 28:6 *Хьермон-лам *– ма-дарра аьлча: *Сириюн. *Иза Хьермон-ломан шира цӀе ю цӀаданхойн маттахь. Хьовса: Карладаккхар 3:9.*, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.
7 Стелахаьштиг схьатуьйсу
Везачу Элан озо.
8 Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо.
Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.
9 Сешка кӀорнеш а йохуьйту,
масарш оста а довлуьйту+ 28:9 *Я иштта: *Нежнаш дега а до, дитташ дерзина а доху Везачу Элан озо.*
Везачу Элан озо.
Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а
Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.
10 ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло.
Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.
11 Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло.
Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.
29Хастаман доӀа
1+ 29:1 *Корта 29 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *30.* Делан цӀа даздан олу Даудан назма.
2 Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со,
сан мостагӀий сох ца белийти.
3 Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга,
Ахь суна дарба дира.
4 Эхартара сан са ара а даьккхина,
со денвира Ахь, Веза Эла,
коша чу со ца вижийтира.
5 Хастам бе Везачу Элана,
Цунна тешаме болу нах.
Иза веза хилар дагадоуьйтуш,
хаставе аша Иза,
6 хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар,
дерриг а дахарна ду Цуьнан дика.
Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а,
Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу.
7 Со синтеме волуш ас бехира:
«Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со».
8 Хьайн диканца, Веза Эла,
Ахь чӀагӀбира сан лам.
Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича,
со вуьйхира.
9 ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со.
Хьалдолчу Эле ас дийхира:
10 «ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича?
Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча?
Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна?
Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?
11 Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох!
Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».
12 Ахь сан белхаран метта,
суна хелхар дели,
сингаттаман духарш дӀа а эцна,
самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи.
13 Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо.
Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.
30Деле сатийсарх лаьцна дина доӀа
1+ 30:1 *Корта 30 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *31.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со.
Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со.
Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа.
3 Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа,
со кӀелхьарваккха сихлохьа.
Тарх санна хилахьа, со ларвархьама,
чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама.
4 Суна чхар санна Хьо хиларна,
суна гӀап санна Хьо хиларна,
Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа,
суна тӀехь урхалла а дехьа.
5 Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа,
хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо.
6- 30:6 Лака 23:46. Хьан кара дӀало аса сайн са.
Веза Эла, тешаме Дела,
Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со.
7 ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш
бӀаьрга бан а ца беза суна,
ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву.
8 Хьан хедар боцу безам бахьанехь
хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со.
ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира,
сан синан бала Хьуна дӀахиира.
9 МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа.
Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь.
10 Веза Эла, сох къинхетам бехьа,
хӀунда аьлча ву-кх со готтехь.
Сингаттаме со хиларна,
худабелла сан бӀаьргаш а,
сан са а, сан кийра а.
11 Сингаттамо дахар а гӀелдина сан,
шераш а узарш деш дӀадовлу сан.
Аса къинош леторна+ 30:11 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *аса къинош леторна. *Грекийн гочдар тӀехь: *Ӏазапехь со хиларна.*, сан ницкъ а дӀабаьлла,
сан даьӀахкаш а малъелла.
12 Сан мостагӀий бахьанехь
ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна,
со вевзаш берш а дӀакъехка сох.
Урамехь со гинарш а дӀабовду сох.
13 Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со.
Йоьхна пхьегӀа санна ву со.
14- 30:14 Ярми-ЯхӀу 20:3. Дуккханнийн а харцлер хеза суна.
Массо а агӀор къемат тӀегӀерта,
суна дуьхьал барт а бина,
сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.
15 Ткъа со Хьох теша, Веза Эла.
Аса олу: «Хьо ву сан Дела».
16 Хьан карахь ду сан дахаран денош.
Сан мостагӀийн карара а,
суна тӀаьхьабевллачех а
со кӀелхьарваккхахьа.
17 Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа.
Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа.
18 Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна
со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла.
Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина,
эхартахь тийна дӀасовцийла.
19 Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш,
Делан лаамехь лелачарна дуьхьал
кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.
20 Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика,
Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу.
Хьоьга шаьш лардойтуш долчу
массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза!
21 Адамийн питанех
Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш.
Дуьхьал лоьчу меттанех
Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш.
22 Декъала ву Веза Эла,
го бинчу гӀалахь со волуш,
суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу!
23 Со дог доьхна волуш, суна хийтира,
Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла.
Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз,
Хьайга со дӀакхайкхича.
24 Веза Эла везаш хилалаш,
Цуьнан долахь мел дерш.
Тешаме берш Везачу Эло ларбо,
ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало.
25 Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла,
Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла!
31Къиношна дохкодовларх а, Дала гечдарх а
1- 31:1, 2 Римхошка 4:7, 8. + 31:1 *Корта 31 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *32.* Даудан хьехаме назма.
Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош
цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг!
2 Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а,
шен синца мекарло йоцу а стаг!
3 Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш,
Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь,
хӀора денна ас узарш дарна,
малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш.
4 ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара.
Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна,
бос а байна сан.
5 Амма айса латийначу къинна къера а хилира со,
сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох.
Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас».
ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк.
6 ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга,
ша нийса вац аьлла хетачу хенахь,
даккхий хиш дистина догӀучу хенахь,
цунна тӀе уьш кхочур дац.
7 Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла,
Ахь ларво со халонех,
кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.
8 Ас хьо кхетор а ву,
хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву.
Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь,
Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь.
9 Ма хилийша дин санна,
я кхеташ йоцу вирбӀарза санна,
шаьш бохург цаьрга дайтархьама,
церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу.
10 Дог цӀена доцучу стеган
дукха баланаш бу,
ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна
Цуьнан хедар боцу безам хуьлу.
11 Везачу Эло шайна динарг бахьанехь,
самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш,
даккхийделаш, дог цӀена дерш.
32Хастам баран илли
1+ 32:1 *Корта 32 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *33.* Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш.
Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.
2 Хастам бе Везачу Элана,
дечиг-пондар локхуш,
ала Цунна иллеш
итт мерз болу пондарца.
3 Ала Цунна керла илли:
говза лакха Цунна,
воккхаверан аз айдеш.
4 ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду,
Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.
5 Цунна бакъдерг а, нийсо а еза.
Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.
6 Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш,
Цо Шен Синан Ӏаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.
7 ХӀордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина,
кӀорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.
8 Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах,
инзардовлийла Цунна хьалх дуьнен чохь мел дехарш.
9 ХӀунда аьлча Цо элира – иза хилира,
Цо омра дира – иза дӀахӀоьттира.
10 Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш,
хӀаллакйо халкъийн Ӏалашонаш.
11 Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта,
Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.
12 Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ.
Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.
13 Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу,
массо а адамийн кӀентий го Цунна.
14 Ша охьахиъна Ӏаш волчу сийлаллин гӀанта тӀера
лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка
охьахьоьжуш ву Иза.
15 Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш,
церан мел долчу гӀуллакхийн духе а кхуьу Иза.
16 Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху.
Шен боккха ницкъ хиларх тӀемало а кӀелхьара ца волу.
17 Дин а бац тешаме стаг кӀелхьарваккха,
шен боккхачу ницкъаца а кӀелхьарвоккхур вац цо иза.
18 Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а,
Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгӀучаьрга а.
19 Цо уьш Ӏожаллех а кӀелхьарбоху,
кхача а ло царна мацалла хӀоьттинчу хенахь.
20 Вай Везачу Элах тешна ду.
Иза вайн гӀоьнча а, вай лардо турс а ду.
21 Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш,
Цуьнан сийлаллин цӀарах тешна вай деха дела.
22 Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тӀехь
тхо Хьох тешна Ӏаш долчу хенахь.
33Делан диканна бина хастам
1+ 33:1 *Корта 33 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *34.* А бу-Маликана+ 33:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара.
2- 33:2 Шамъал 21:13-15. В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь.
Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.
3 Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш,
Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.
4 Д екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца.
Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца.
5 Е рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш.
Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш.
Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо.
6 З овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу.
Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна.
7 И штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза.
Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху.
8 К Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш.
Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.
9- 33:9 1 Кипин 2:3. Л еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна!
Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг!
10 М а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш,
хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу.
11 Н аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу,
ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.
12 О йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа.
Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.
13- 33:13-17 1 Кипин 3:10-12. П аргӀат долу дахар дезий шуна?
Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?
14 Р еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш.
Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.
15 С ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де!
Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.
16 Т къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу.
Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.
17 У ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна,
Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама.
18 Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича.
Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.
19 Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту.
Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.
20 Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а,
амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.
21- 33:21 Яхьъя 19:36. Ш аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю.
Царах цхьа а Цо кагйийр яц.
22 Э ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву.
Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу.
23 Ӏ азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо.
Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо.
34Деле гӀо доьхуш дина доӀа
1+ 34:1 *Корта 34 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *35.* Даудан назма.
Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна.
Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.
2 Кара турс а эций, тӀе гӀагӀ а духий,
волахьа Хьо суна гӀо дан.
3 ГӀоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагӀий.
Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кӀелхьардоккхург».
4 Сан синна тӀаьхьабевллачарна эхь а хетийла,
со вен лоьхурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, юха а боьрзийла.
5 Мохо дӀасатесна чан санна, хуьлийла уьш.
Везачу Элан Малико дӀа а лохкийла уьш.
6 Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла.
Царна тӀаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.
7 Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара.
Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.
8 ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна.
Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш.
Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.
9 Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду,
Цуьнгара долчу кӀелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.
10 Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?»
Хьо ма ву гӀийланиг ницкъболчух ларвийриг,
къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.
11 Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш.
Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
12 Ас динчу диканна вон до суна цара.
Сан са а ма дуьту дӀатесна цара.
13 Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура.
Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца.
Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,
14 доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со.
Сайн ненан тезетахь санна,
корта а оллийна, халахетта хуьлура со.
15 Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора.
Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара.
Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.
16 АстагӀчух буьйлурш санна,
соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.
17 Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш?
Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех,
лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!
18 Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю.
Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.
19- 34:19 Забур 68:5; Яхьъя 15:25. Харц бахьанашца сан мостагӀий баккхий ма бейтахьа.
Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бӀаьргаш ма теӀабайтахьа.
20 ХӀунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара,
ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.
21 Суна дуьхьал шайн баганаш а гӀиттош, цара олу:
«ХӀаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»
22 Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла!
Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!
23 Сама а валий, суна гӀоьнна дӀахӀоттахьа.
Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалх бехказаваккхахьа со.
24 Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тӀехь, сан Веза Дела!
Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.
25 Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна:
«ХӀара дара-кх оха лоьххург», – аьлла.
Ма олийла-кх цара:
«ХӀара-м оха дӀакхаьллира».
26 Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла,
цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо.
Суна хьалх кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла,
уьш сийсаз а бойла.
27 Хазахетарца баккхийбойла
со бакъвина хила лууш берш.
Хаддаза олийла цара:
«Вазлойла Веза Эла,
Шен лен ирс хазахеташ волу».
28 Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш,
муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.
35Бакъонаш ца ларъечун Ӏесалла
1+ 35:1 *Корта 35 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *36.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма.
2- 35:2 Римхошка 3:18. Ӏесачун кӀорггера даг чуьра
аьрхалла йистхуьлу цуьнга.
Цуьнан бӀаьргаш чохь
Делах кхерар дац.
3 Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан,
шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал.
4 Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду.
Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду.
5 Вижинчохь а вон ойланаш йо цо.
Иза харц некъа тӀе а волу,
вониг дарх дӀа а ца воьрзу.
6 Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дӀакхочу,
Хьан тешаме хилар мархашка кхочу.
7 Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю.
Хьан кхел кӀорга хӀордаш санна ю.
Адамаш а, бежанаш а Ӏалашдо Ахь, Веза Эла!
8 Мел чӀогӀа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела!
Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь адамаша шаьш лардойту.
9 Хьан токхечу цӀийнах дузуш ду уьш.
Хьайх долучу диканан хица хьогалла дӀайоккху Ахь церан.
10 ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста.
Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.
11 Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а,
догцӀеначарна Хьайн нийсо лелор а.
12 Курачун ког суна тӀе ма болийла,
къилахь волчун куьйго со дӀа а ма эккхавойла.
13 Зулам лелош берш цигахь охьаэгна.
Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гӀовттало.
36Делан лаамехь волчунна а, Ӏесачунна а шен-шен хьакъ дӀадалар
1+ 36:1 *Корта 36 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *37.* Даудан назма.
А мал+ 36:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* вон йолчарах Ӏеха ма лолахь,
зуламаш лелочарах ма хьегалахь.
2 ХӀунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу,
сенделла догӀу ялта санна, маргӀал а лур бу.
3 Б илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де.
Лаьттахь вехаш а хила, догцӀеналла лар а е.
4 Везачу Элах дезар оьцуш хила,
Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу.
5 В езачу Элан кара хьайн некъ дӀа а ло,
Цунах тешна Ӏаш а хила,
ткъа тӀеоьшург Цо кхочушдийр ду.
6 Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду,
дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю.
7 Г Ӏам-гӀим а ца деш, тийна а волуш,
Везачу Эле ладоьгӀуш хилалахь.
Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу
мекарчу стагах ма хьегалахь.
8 Д ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь.
Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.
9 ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу,
ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна
тӀаьхьалонна латта кхочур ду.
10 Е рриг а хан дукха ер яц,
ткъа Ӏесаниг кхин хир а вац.
И хиллачу метте хьо дӀахьаьжча,
цигахь иза хир ма вац.
11- 36:11 Маттай 5:5. Ткъа эсала болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду.
12 Ж ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Ӏесачо йо,
уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо.
13 Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хӀунда аьлча
Ӏесачун тӀаьххьара де тӀекхочуш хилар го Цунна.
14 И ра тарраш Ӏесачара баттара схьадоху,
шайн секхаӀедаш а цара тӀехьежадо,
къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а,
нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а.
15 Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду,
церан секхаӀедаш кеглур ду.
16 К Ӏеззиг долу Делан лаамехь болчеран хьал –
Ӏесачеран дуккха а долчу хьолал гӀолехь ду.
17 ХӀунда аьлча Ӏесачеран ницкъ бохийна хир бу,
ткъа Шен лаамехь берш Везачу Эло чӀагӀбо.
18 Л еррина хьоьжу Веза Эла цӀена лелачийн хьашташка,
царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду.
19 Буьрсачу хенахь а юьхьӀаьржачу хӀиттор бац уьш,
меца хан тӀееача а, буьзна хир бу уьш.
20 М аргӀалдоьлла аренан зезагаш санна,
Ӏесанаш хӀаллакьхир бу.
Везачу Элан мостагӀий,
кӀур санна, дӀабовр бу.
21 Н агахь Ӏесачо духалург даккхахь, иза юха дӀа ца ло цо,
ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дӀало.
22 ХӀунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна
тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
ткъа Цо неӀалт кхайкхийнарш дӀалелхор бу.
23 О нда чӀагӀбо Везачу Эло адаман некъ,
цо йоху гӀулчаш Шена тамехь елахь.
24 Иза, ког тасабелча а, вужур вац,
хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дӀалоцу.
25 П оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хӀинца къанвелла.
Делан лаамехь верг суна дӀатесна а ца гира,
цуьнан тӀаьхье бепиг доьхуш а ца гира.
26 Цо хӀора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло.
Цуьнан тӀаьхье декъала а хир ю.
27 С овдоккхуш дикалла, зулам дарх дӀаверзалахь –
лаьтта тӀехь гуттаренна а вехар ву хьо.
28 ХӀунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза,
Шен долахь берш Цо дӀа а ца туьйсу.
Т ешаменаш абаденналц Ӏалашбийр бу,
ткъа Ӏесачеран тӀаьхье дӀаэккхор ю.
29 Делан лаамехь болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду,
уьш цу тӀехь абаденналц бехар бу.
30 У ггар хьекъале дерг Делан лаамехь волчун
багара схьадолу, цуьнан матто а бакъдерг олу.
31 Шен Делан хьехамаш цуьнан даг чохь бу,
ткъа царна тӀера иза дӀа а ца волу.
32 Х ь оьжуш хуьлу Ӏесаниг Делан лаамехь волчуьнга,
иза вен дагахь, кӀело яр лоьхуш.
33 Амма Везачу Эло иза Ӏесачун кара дӀалур вац.
Уьш кхеле бевлча, Цо иза бехке а лоруьйтур вац.
34 ЧӀогӀа Везачу Эле са а тийса,
Цуьнан новкъахула бен ма лела.
ТӀаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш,
Цо хьан сий дийр ду.
Ткъа Ӏесанаш дӀа а лелхор бу,
хьуна иза гур а ду.
35 Шен орамаш чӀагӀдина волу луьра Ӏесаниг гира суна,
сенделла гаьннаш долчу диттах терра волу.
36 Амма со тӀехваьлча+ 36:36 *Грекийн гочдар тӀехь: *Амма со тӀехваьлча. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Амма цхьаъ тӀехваьлча.*, иза ван а вацара.
Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза.
37 Юххерачу цӀена лелаш волчун тергам а бе,
догцӀеначу нехан леррина тергам а бе,
тӀаьхье машаран стеган хир йолу дела.
38 Ткъа зуламенаш берриш а хӀаллакбийр бу.
Ӏесачеран тӀаьхье хӀаллакйийр ю.
39 Ӏазап хьоьгучу хенахь
Делан лаамехь болчарна
Веза Эла чӀагӀо санна ву,
Цуьнгара церан кӀелхьарбовлар ду.
40 Везачу Эло царна гӀо а до, уьш лар а бо.
Ӏесачарах Цо уьш паргӀат а боху,
царах Цо уьш кӀелхьар а боху,
шаьш Цуьнга цара ларбойту дела.
37Баланехь волчун доӀа
1+ 37:1 *Корта 37 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *38.* Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.
2 Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тӀех ма деттахьа.
Хьо оьгӀазвахханчохь суна таӀзар ма дехьа.
3 ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла.
Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.
4 Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегӀа тӀехь.
Сан даьӀахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь.
5 Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош,
суна тӀехь ма ду уьш, беза мохь санна.
6 Вон хьожа а йогӀуш, наткъарх юьзна ю
суна тӀера чевнаш, сан хьекъал ца кхачарна.
7 Сатта а сеттина, охьатаьӀна лела со,
дийнахь сарралц гӀайгӀанехь лела со.
8 Кийра а буьзна дерачу чевнех сан,
дегӀа тӀехь дийна меттиг а ца йисна сан.
9 Ца мегачу ваьлла со, воха а воьхна,
узарш деш лела со, дог чӀогӀа дохарна.
10 Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу.
Сан синан садеӀар Хьох къайла ца долу.
11 Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со.
БӀаьргийн серло а яц ур-атталла хӀинца сан.
12 Сан доттагӀий а, накъостий а сан даьӀнех дӀабирзи.
Сан гергара берш берриге а суна генабевли.
13 Ткъа со вен тӀаьхьабевллачара суна гураш дугӀу.
Суна зулам хила луучара со дакъазаваларх лаьцна дуьйцу,
цара хӀора дийнахь юкъа питанаш туьйсу.
14 Ткъа суна-м хезаш дац, къорачунна санна,
ву со бага дӀа ца йоьллу, мотт ца хуург санна.
15 Хилла со къора стаг санна,
багахь дала жоп доцуш волу.
16 ХӀунда аьлча, Веза Эла, Хьоьга ас ладоьгӀу.
Сан Хьалдолу Дела, Ахь суна жоп лур ма ду.
17 ТӀаккха ас элира: «Суна тӀехь толам ма боккхийла сан мостагӀаша.
Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш».
18 Со вожа герга ву,
сан бала гуттара а соьца бу.
19 Со къера ву сайн харцонашна,
дохковаьлла со сайн къинна.
20 Ткъа сан мостагӀий бехаш а, чӀагӀлуш а лаьтташ бу.
Бахьана доццушехь, со цавезарш багар ца баллал бу.
21 Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш,
аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу.
22 Ма витахьа со, Веза Эла!
Гена ма валахьа суна, сан Дела!
23 Суна гӀо дан сихлохьа,
Веза Эла волу, сан КӀелхьарвоккхург!
38ДӀатесна волчун дохковалар
1+ 38:1 *Корта 38 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *39.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма.
2 Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама,
со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса.
Ӏесанаш сайна хьалха мел бу,
сайн бат дӀасацор ю аса.
3 Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со,
ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со.
Ткъа сан баланаш совбевлира.
4 Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира.
Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира.
Со сайн маттаца дийца волавелира:
5 Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а,
сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш,
Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама.
6 Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш+ 38:6 *Шенаш *– нанапӀелганий, цӀазапӀелганий юккъера меттиг.* санна бен дац.
Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю.
Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх.
7 Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх.
Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо,
ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх.
8 Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те?
Сан сатийсар-м Хьоьга ду.
9 Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со.
Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со.
10 Мотт а сецна, сан багара дош ца долу,
суна мел динарг Ахьа дина долу дела.
11 Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа,
Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со.
12 Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до,
цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху.
Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх!
13 Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа,
сан узарийн тергам бехьа.
Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа.
ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву,
сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву.
14 ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна
витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама.
39Баркалла алар а, гӀо дехар а
1+ 39:1 *Корта 39 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *40.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Боккхачу тешамца ладоьгӀура аса Везачу Эле,
тӀаккха соьгахьа схьавирзира Иза,
ас доккху орца а дӀахезира Цунна.
3 Кхерамечу гӀу чуьра со хьала а ваьккхина,
сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна,
тарха тӀе сан когаш Цо дӀахӀиттийра,
ас еш йолу сан гӀулчаш Цо чӀагӀйира.
4 Тхайн Далла хастамаш беш йолу
керла эшар йиллира Цо сан бага.
Дукхахберш, иза а гина,
ларамах буьзна а хир бу,
Везачу Элах тешна а хир бу.
5 Декъала ву Везачу Элах тешна Ӏаш волу а,
цӀушка дехарш деш воцу а,
харцделанашна Ӏамал ечарах
дӀакхетта а воцу стаг+ 39:5 *ЦӀушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Ӏамал ечарах дӀакхетта воцу а стаг *– я иштта: *курачарна а, аьшпаш буттучарна а тӀе дехаре ца воьдург.*.
6 Алссам ду, сан Веза Дела,
Ахь мел дина тамашийна гӀуллакхаш а,
тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а.
Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара!
Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна
Ас дийцахь я кхайкхам бахь,
церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара!
7- 39:7-9 Ӏебархошка 10:5-7. СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзира Хьуна,
Сан лергаш дӀадиллира Ахь.
Дийнаташ дагоран сагӀанаш Хьуна ца тайра,
къинойх долу сагӀанаш Ахь ца дийхира.
8 ТӀаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву,
товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.
9 Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела!
Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта».
10 Боккхачу гуламехь дуьйцура аса
Хьан нийсонах лаьцна.
Сайн баганна новкъарло ца йора аса,
Хьуна ма-хаъара, Веза Эла.
11 Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса.
Хьо тешаме хиларх а, Ахь кӀелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса.
Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а,
Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса.
12- 39:12-18 Забур 69. Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо.
Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со,
13 хӀунда аьлча барам боцучу бохамаша
го бина суна. Сан къиноша, со стенга
вала веза ца хаъал, хьалавуьзна со.
Уьш сан коьртарчу месел а совдевлла.
Сан доьналла а сох дӀакъаьстина.
14 Веза Эла, со кӀелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа.
Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.
15 Сан са хӀаллакьхилар лоьхурш
юьхьӀаьржачу а хӀуьттийла, царна эхь а дуссийла!
Суна зулам хила луурш,
юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юха а берзабойла!
16 Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яӀ!» – бохурш,
шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла.
17 Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь
хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла!
Ахь шаьш кӀелхьардахар дезаш болчара
«Сийлахь ву Веза Эла!» – саццаза олийла.
18 Со-м къен а, миска а ву.
Хьалдолу Эла, сан гӀайгӀа бехьа!
Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а.
Ва сан Дела, хье ма лохьа!
40Цомгуш волчун доӀа
1+ 40:1 *Корта 40 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *41.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Декъала ву гӀийлачун гӀайгӀа беш верг!
Холчу хӀоьттича, Везачу Эло паргӀатвоккхур ву иза.
3 Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза.
Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву.
Цуьнан мостагӀийн лаамийн дола Ахьа дӀа ма лохьа иза.
4 Цомгуш а хилла, меттахь висча а,
Везачу Эло иза чӀагӀво.
Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во.
5 Ас элира: «Веза Эла! Сох къинхетам бехьа,
со товехьа, хӀунда аьлча Хьуна дуьхьал аса къа латийна».
6 Сох лаьцна вониг олу сан мостагӀаша:
«Иза маца лийр ву те,
цуьнан цӀе а маца дӀайовр ю те?» – бохуш.
7 Со ган веаначун хабар
гуттара а даьсса хуьлу.
Шен даг чохь цо вониг латтадо.
Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.
8 Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь
сох лаьцна шабар-шибарш до.
Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш,
цара вовшашка олу:
9 «Цунна Ӏожаллин ун ма кхетта.
Ша Ӏуьллучуьра иза кхин хьалагӀатталур ма вац».
10- 40:10 Маттай 26:23; Марк 14:18; Лака 22:21; Яхьъя 13:18. Ур-атталла сан уггар дикачу доттагӀчо,
ас тешаме лоручу а,
соьца бепиг дууш волчу а,
мекарлонца суна дуьхьал куьг айина.
11 Ткъа Ахьа, Веза Эла,
сох къинхетам а бай,
дӀахӀоттавехьа со,
аса хьакъ дерг дӀалур дара царна.
12 Сан мостагӀаша суна тӀехь толам
цабаккхарх хуур ду суна,
Хьо суна реза хилар.
13 Сох лаьцна аьлча, со догцӀена хиларна
со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а
Хьайна уллохь дӀахӀоттаво Ахь.
14- 40:14 Забур 105:48. Азалера абаденналц декъала ву
Исраилан халкъан Веза Дела!
Амин! Амин!
ШолгӀа тептар
(Забур 41–71)
41Йийсарехь волчун доӀа
1+ 41:1 *Корта 41 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *42.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.
2 Хин Ӏоврех хьоьгуш болу сай санна,
сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела!
3 Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах.
Маца дӀавахалур ву те со,
Далла уллохь а волуш,
Цунна Ӏибадат дан?
4 Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих
кхача хилира суна,
«Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш,
дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.
5 Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош,
хӀара ду суна дагаоьхург:
адамийн тобанашца сайн лелар,
Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар.
Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура
дезде даздечу хенахь
хазахетаран а, баркаллин а озаца.
6 ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са,
карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
7 Сан кийрарчу сино сагатдо,
цундела суна Йордан-хин махкара а,
Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а
дагаоьху Хьо.
8 КӀоргачу цхьана хино вукху хине
Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо.
Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгӀенаш а
суна тӀехула чекхъевлла.
9 Дийнахь Везачу Эло
Шен безам суна тӀехьажабо.
Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна –
сан дахаран Деле долу доӀа.
10 Сайн тарх йолчу Деле аса олу:
«Ахьа со виц хӀунда вина те?
ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь,
сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»
11 Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал,
сан мостагӀашна со дола хета,
«Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш,
дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.
12 ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са?
Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
42Йийсарехь волчун доӀа
(41-чу назманан тӀаьхье)
1+ 42:1 *Корта 42 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *43.* Ва Дела, со бехказаваккхахьа,
диндоцучу халкъана дуьхьал болчу
сан къовсамехь суна гӀо дехьа.
Мекарчу а, зуламечу а адамех
со кӀелхьарваккхахьа!
2 Дела, Хьо ю сан чӀагӀо.
Со дӀа хӀунда теси те Ахьа?
Сан мостагӀчо суна гӀело а йина,
гӀайгӀане хӀунда лела те со?
3 Хьайн серло схьаяийтахьа,
Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа.
Цара со дӀавуьгийла,
цара со хьалавоккхийла
Хьан безачу лома тӀе,
Хьо Ӏаш волчу цӀийне.
4 ТӀаккха со дӀагӀур ву Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе,
сан хазахетаран а, самукъадаларан а Дела волчу.
Аса мерз-пондарца хастамаш бийр бу Хьуна,
ва Дела, сан Дела!
5 ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са?
Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
аса кхидӀа а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
43Халкъ лардар доьхуш долу доӀа
1+ 43:1 *Корта 43 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *44.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма.
2 Тхан дайша тхуна дуьйцура,
уьш баьхначу ширачу заманахь.
Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна.
Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза.
3 Хьайн куьйгаца халкъаш хӀаллакдира Ахьа,
ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа.
Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа,
ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа.
4 Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира,
шайн ницкъаца а ца даьккхира.
Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а,
Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а
даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.
5 Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву!
Якъубан халкъана+ 43:5 *Якъубан халкъ *– иза Исраилан халкъ ду.* толамаш бахар лохьа!+ 43:5 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубана толамаш бахар лохьа! *Грекийн гочдар тӀехь: *Хьо-м сан Паччахь а, сан Дела ву, Якъубан халкъ кӀелхьардаккха омра деш волу.*
6 Хьан ницкъаца тхешан мостагӀий оха юхабоху,
Хьан цӀарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу.
7 Сайн секхаӀодах тешна Ӏаш вац со,
сайн туьро а кӀелхьар ца воккху со.
8 Амма тхан мостагӀех Ахь тхо кӀелхьардоху,
тхо цадезарш Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттабо.
9 Дийнахь сарралц Делах дозалла до оха.
Абаденналц Хьан цӀе язйийр ю оха.
10 Амма хӀинца-м Ахь дӀатесна тхо,
Ахь юьхьӀаьржачу а хӀиттийна тхо.
Тхан эскаршца ара ца волу Хьо.
11 Ахь мостагӀех тхо дӀаидийтина,
тхо ца дезачара тхоьгара хӀонс яьккхина.
12 УьстагӀий санна, хӀаллакдайта дӀадели Ахь тхо,
къаьмнашна юкъахь дӀасадаржий Ахь тхо.
13 Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дӀадоьхки,
цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци.
14 Тхан лулахошка емалдайта дӀадели Ахь тхо.
Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а,
сийсаздахарна а дӀадели Ахь тхо.
15 Халкъашна юкъахь кицанна а
даладойтуш, дӀахӀиттий Ахь тхо.
Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш,
тхох кхардам бина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
16 Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю.
Со юьхьӀаьржачу хӀоттийна,
17 со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а,
сан мостагӀчун а, суна бекхам бар
лоьхучеран а хьежаро а.
18 И дерриг а тӀедеана тхуна,
амма Хьо виц ца велла тхуна,
Хьан барт а ца бохийна оха.
19 Тхан дегнаш Хьох дӀа а ца дирзира,
тхан когаш Хьан некъа тӀера дӀа а ца бевлира,
20 Амма чангӀалкхаш ехачу меттехь Ахь тхо дӀахьаьшира,
Ӏаьржачу боданехь Ахь тхо дӀахьулдира.
21 Нагахь оха, тхешан Делан цӀе йиц а йина,
хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара,
22 иза Далла хуур дацара ткъа,
Шена деган къайленаш евза дела?
23- 43:23 Римхошка 8:36. Хьо бахьанехь хӀора дийнахь тхо мостагӀаша хӀаллакдо.
Дайа кечдина уьстагӀий санна царна хета тхо.
24 ГӀаттахьа, Веза Эла, вижина хӀунда Ӏа Хьо?
Самавалахьа, гуттаренна а дӀа ма тасахь тхо!
25 Хьайн юьхь тхох къайла хӀунда яьккхина те Ахь?
Тхо баланехь а, Ӏазапехь а хилар диц хӀунда дина те Ахь?
26 Тхо ченаш юккъе охьаэгна,
тхан догӀмаш лаьттах дӀалетта.
27 ГӀаттахьа тхуна гӀоьнна,
Хьайн барам боцучу безаман дуьхьа
кӀелхьардахахьа тхо.
44Паччахьо зуда ялорах лаьцна йолу йиш
1+ 44:1 *Корта 44 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *45.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш.
2 Сан дага чуьра хаза дешнаш арадуьйлу,
сайн аяташ аса паччахьна лерина доху,
сан мотт говзачу йозанчин къолам бу.
3 Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо.
Къамел дарна говза а ву хьо,
цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.
4 ГӀодаюкъах дехка, ва турпалхо, хьайн тур,
хьайн паччахьан сий а, исбаьхьалла а долу.
5 Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш,
билггал бакъдолчун а, кӀедачу нийсонан а дуьхьа,
хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хӀуманаш гайтийтархьама.
6 Хьан ира пхерчий паччахьан мостагӀийн дегнех чекхдовлийла.
Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла.
7- 44:7, 8 Ӏебархошка 1:8, 9. Дала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта,
ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
8 Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна,
цундела Дала къобалвина хьо,
хьан Дала хьан накъосташна чул а
хьуна алссам хазахетар делла.
9 Хаза хьожа йогӀу деза даьтта а, сарап а, кассия а
хьан ерриг а тӀеюхучу бедаршна тӀехь ю.
Пийлан кӀомсарех хаздинчу паччахьан цӀеношна тӀера
мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху.
10 Хьан долахь болу паччахьийн йоӀарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан.
Апар-махкара шена тӀехь деши а долуш,
нускал ду хьуна аьтту агӀор дӀахӀоьттина.
11 ЛадогӀалахь, йоӀ, схьахьажалахь,
хьайн лерг а схьадерзаделахь,
хьайн халкъ а дицделахь,
хьайн ден цӀа а дицделахь.
12 Паччахьна хьан хазалла езалур ю.
Иза хьан олахо волу дела,
хьо Цунна хьалха охьатаӀалахь.
13 Цора-гӀалара бахархоша совгӀаташ дахьар ду,
къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду.
14 Паччахьан нускал паччахьан цӀа чу доьду.
Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду
15 Тир яьккхина духар тӀехь а долуш,
иза паччахьна хьалха юьгу.
Нускална юххебовлу йоӀарий а
цунна тӀе балабо.
16 Самукъадаларца а, баккхийберца а
паччахьан цӀа чу бовлу уьш.
17 Хьан дайн метта хьан кӀентий дӀахӀуьттур бу, ва паччахь.
Дерриг а лаьтта тӀехь, элий а бина, дӀахӀиттор бу ахьа уьш.
18 Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь хьан цӀе аса дагаоьхуьйтур ю.
Цундела халкъаша абаденналц хьан сий дийр ду.
45Дела вайца ву
1+ 45:1 *Корта 45 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *46.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю.
2 Дела – вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу,
вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.
3 Цундела вай кхералур дац,
ур-атталла латта дегийча а,
лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,
4 тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а,
хӀордийн хиш ловзадевлча а,
шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.
5 Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш.
Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.
6 Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц.
Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.
7 Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла.
Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.
8 Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву.
Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
9 Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга,
лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.
10 Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо,
секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо,
Цо турсаш а цӀергахь дагадо.
11 ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша.
Халкъаша а лакхавоккхур ву Со,
лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.
12 Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву.
Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.
46Дела дерриг а дуьненан Паччахь ву
1+ 46:1 *Корта 46 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *47.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша!
Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!
3 Веза Воккха Эла кхераме ву.
Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.
4 Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо.
Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.
5 Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк,
Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.
6 Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела,
коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.
7 Вайн Далла ала иллеш,
вайн Паччахьна ала уьш.
8 Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела.
Массара а говза назма Цунна ала.
9 Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела.
Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.
10 Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла
ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна.
ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу,
ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.
47Цийон – Делан гӀала
1+ 47:1 *Корта 47 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *48.* Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву,
вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь.
3- 47:3 Маттай 5:35. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу,
дуьненан хазахетар а иза бу.
Цуьнан къилбаседехьа агӀор
сийлахьчу Паччахьан гӀала ю.
4 Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала
нах ларбийриг Ша хилар гайтина.
5 Паччахьаш, цхьаьна а кхетта,
гӀалина тӀелата тӀебахара.
6 И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш,
боха а боьхна, дӀабевди уьш.
7 Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш,
берах хьийзош йолу зуда санна,
8 доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал
малхбалера хьаькхначу дарцо санна.
9 Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна,
ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу
массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь.
Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.
10 Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна
ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ.
11 Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц
йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш.
Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна.
12 Цийонан нехан самукъа а долийла.
Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь
ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла.
13 Цийон-ломана гонах чекх а довлий,
цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е.
14 Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе,
дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка,
царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка:
15 «И Дела абаденналц вайн Дела ву.
Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча+ 47:15 *Урханча *– некъ гойтург, хьалхаваьлларг.* ву».
48Шайн хьолах тешна Ӏаш болчеран сонталла
1+ 48:1 *Корта 48 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *49.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 ЛадогӀалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш!
ХӀара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара:
3 кӀезиг долчара а, цӀеяхана долчара а,
къечара санна, хьал долчара а.
4 Сан багано хьекъале хӀума эр ду.
Сан деган ойланаш кхетамах юьзна хир ю.
5 Сайн лерг хьекъалечу кицанна тӀедерзор ду ас.
Сайн хӀетал-металан маьӀна мерз-пондар лакхарца дӀадоьллур ду ас.
6 Стенна кхера веза со сайн де доьхначу деношкахь,
суна тӀаьхьабевллачеран къиноша суна го бинчу хенахь?
7 Уьш шайн бахамах тешна Ӏаш а бу,
шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу!
8 ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац.
Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.
9 Адаман дахарх болу мах тӀех боккха бу,
вайга иза цкъа а балалур а бацара,
10 адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а,
вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а
11 ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар.
Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а.
Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.
12 Къуббанаш ду церан цӀенош гуттаренна а,
и хӀусамаш тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашна юьсур ю церан.
Цара шайн мехкашна шайн цӀераш тохку.
13 Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а,
гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь.
Иза а тарло леш долчу бежанех.
14 Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а,
цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а.
15 Уьш, уьстагӀий санна, эхарт чу бухкур бу.
ЖаӀуьно дӀадуьгу жа санна, Ӏожалло дӀаоьцур бу уьш.
Ӏуьйранна Делан лаамехь болчара
церан кешнаш хьошур ду.
Церан куьцаш дӀадевр ду
эхартехь, шайн хӀусамашна геннахь.
16 Эхартан олаллех паргӀатдоккхур ду сан са,
Дала билггал кӀелхьарвоккхур ву со.
17 Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш,
сийлалла лакхадолучу адамах.
18 ХӀунда аьлча ша дӀакхелхачу хенахь
цо шеца хӀумма а дӀахьур яц.
Цуьнан сийлалла цунна тӀаьххье дӀагӀур дац.
19 Ша вехачу хенахь цо шен синна там берг леладахь а,
цо аьтто баккхарна наха цуьнан сий дахь а,
20 цкъа а серло гур йоцуш болчу,
шен беллачу дайх дӀакхетар ву иза.
21 Адам хьал долуш делахь а,
цуьнан кхета ницкъ ца кхочу,
леш долчу бежанех тарло иза а.
49Далла билггал бакъдолу Ӏибадат дар
1+ 49:1 *Корта 49 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *50.* Асайпан назма.
Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкху
малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.
2 Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тӀера
Дела Шен нуьраца серлавуьйлу.
3 СхьавогӀур ву Вайн Дела,
амма тийналлица вогӀур вац Иза.
Дерриг хӀума а дӀакхоллуш йолу цӀе ю Цунна хьалха,
чехкабаьлла мох бу Цунна гонах.
4 Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо,
Шен халкъана Ша кхел ярхьама:
5 «Схьагулбе Со волчу Суна тешаме берш,
сагӀа даккхарца Соьца барт бинарш».
6 Стигалша Цуьнан нийсо кхайкхайо,
хӀунда аьлча Дела – Ша ву Кхелахо.
7 «ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас дош эр ду.
Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду.
Со Дела ву, хьан Дела ву!
8 Ахь дохучу сагӀанашна дуьхьал эр дац Ас хӀумма а –
хьан дийнаташ дагоран сагӀанаш гуттара а ду Суна хьалха.
9 ХӀетте а, Ас хьан цӀентӀера стерчий а схьаоьцур дац
я хьан гӀотанашкара бежалой а тӀеоьцур яц.
10 ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю,
эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду.
11 Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна,
аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.
12 Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас,
хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а,
цунна чохь мел долу хӀума а.
13 Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со,
я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со?
14 Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе,
айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.
15 Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха.
Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду».
16 Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху:
«Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь,
Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь?
17 Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза,
Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа.
18 Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо,
сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан.
19 Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту,
хьан матто мекарло а кхуллу.
20 Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь,
хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.
21 Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура.
Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира.
Амма хӀинца Ас хьуна тӀехдеттар а ду,
хьан бӀаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу.
22 Кхеталаш хӀокхунах, Дела вицвинарш,
Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама,
шу кӀелхьардохург ца хиларна.
23 Суна сагӀина хастамаш бахьаш волчо Сан ларам бо.
Ша лела некъаш нисдеш волчунна
Ас Делера долу кӀелхьарвалар гойтур ду».
50Гечдаран доӀа
1+ 50:1 *Корта 50 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *51.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2- 50:2 Дауд 12:1-15. Дауд Бат-ШабаӀах кхеттачул тӀаьхьа, иза волчу Ната-пайхамар веана хиларх лаьцна.
3 Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна.
Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош.
4 Хино дӀайоху модаш санна,
дӀаяхахьа сан харцонаш,
сан къинойх цӀанвехьа со.
5 Сайн харцонашна къера ву со,
айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду.
6- 50:6 Римхошка 3:4. Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас,
Хьан бӀаьргашна хьалха хьарамниг дина,
цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву,
кхел ярехь цӀена а ву.
7 Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна,
сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш.
8 Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо,
цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь.
9 Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тӀе,
тӀаккха со цӀена хир ву,
хих ваккхахьа со,
тӀаккха лонал а кӀайн хир ву со.
10 Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна,
тӀаккха Ахь кегйина даьӀахкаш самукъадаьлла хир ю сан.
11 Сан къиношна тӀера дӀаверзий,
сан харцонаш дӀаяхахьа.
12 Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела,
суна чуьра тешаме са карладаккхахьа.
13 Хьайна хьалхара со дӀа ма ваккхахьа,
Хьайн Деза Са соьгара дӀа ма даккхахьа.
14 Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна,
Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.
15 Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу,
тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу.
16 Со кӀелхьарвоккху Дела,
цхьаннан цӀий Ӏанорах ларвелахь со,
тӀаккха ас Хьан нийсо хастор ю.
17 Веза Эла! Схьаеллахьа сан бага,
тӀаккха цо Хьуна хастам кхайкхор бу.
18 Ас сагӀа доккхур дара Хьуна,
амма Хьуна ца деза иза.
Хьайна лерина дийнаташ дагорна а
Хьо реза вац.
19 Доьхна са – иза Далла луш долу сагӀа ду.
Дохкодаьлла а, муьтӀахь долу а дог Ахь дӀатоттур дац, Дела.
20 Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гӀопах,
Ярушалайман пенаш ирахӀиттадехьа.
21 ТӀаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагӀанашна,
дийнаташ дагоран сагӀанаш а тамехь хир ду Хьуна,
тӀаккха Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀе
стерчий дохкур ду.
51Делан кхел а, Делан къинхетам а
1+ 51:1 *Корта 51 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *52.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма, 2- 51:2 Шамъал 22:9, 10. эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.
3 Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг?
Дела массо а ханна тешаме ву.
4 Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу,
ира урс санна бу хьан иза, ямартниг!
5 Хьуна вониг дикачул алсам деза,
бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.
6 Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.
7 Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо,
цӀа чуьра аракхуссур ву,
дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.
8 Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу.
Уьш боьлур бу цунах:
9 «Делах шен чӀагӀо а ца еш,
шен доккхачу хьолах а тешна,
зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг».
10 Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву,
ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.
11 Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас.
Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалх.
52Адамийн Ӏесалла
(Забур 13)
1+ 52:1 *Корта 52 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *53.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.
2- 52:2-4 Римхошка 3:10-12. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац.
3 Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Дела,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
4 Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
5 Кхетаме богӀур болуш а бац те
харцонаш лелош мел берш,
шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш,
ткъа Деле ца кхойкхурш?
6 ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу,
кхераме хӀумма а дацахь а, хӀунда аьлча
хьуна дуьхьалбевллачеран даьӀахкаш Дала дӀасаяржор ю.
Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор бу уьш, Дала уьш дӀатесна дела.
7 Исраилан халкъана кӀелхьардовлар
Цийон-лома тӀера догӀур делахьара!
Шен халкъ Дала юхаметтахӀоттийча,
Якъубан халкъан сакъералур дара,
Исраилан халкъан самукъадер дара.
53МостагӀех ларваран доӀа
1+ 53:1 *Корта 53 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *54.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехам болу назма. Дечиг-пондарца ала езаш ю иза. 2- 53:2 Шамъал 23:19; 26:1. Зипахоша, Шаулна тӀе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» – аьллачу хенах лаьцна.
3 Ва Дела! Хьайн цӀарца кӀелхьарваккхахьа со,
Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со.
4 Ва Дела! Сан доӀа хазахьа,
сан багара дешнашка ладогӀахьа.
5 Хийра нах дуьхьалбевлла суна,
нуьцкъалчара сан са лоьху.
Цу нехан Дела вац.
6 Дела сан гӀоьнча ву.
Везачу Эло дог чӀагӀдо сан.
7 Сан мостагӀаша дина зулам царна тӀе юхадерзадехьа,
Хьо тешаме хиларна, хӀаллакбехьа уьш.
8 Ас леррина сагӀа доккхур ду Хьуна,
Хьан цӀе а хастор ю, Веза Эла,
хӀунда аьлча иза дика ю.
9 Ахь кӀелхьарваьккхи со берриг а баланех,
сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.
54ДоттагӀашкахьара ямартло хиллачо дина доӀа
1+ 54:1 *Корта 54 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *55.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондарш тӀехь ала езаш йолу Даудан хьехаме назма.
2 Дела, сан доӀа дӀа а хазахь,
сан дехарх къайла а ма валахь.
3 Сан тергам а бехьа, суна жоп а лохьа.
Сан дог а доьхна, со гӀайгӀанехь а ву.
Со карзахвуьйлу, 4 мостагӀчун аз хазарна а,
Ӏесачара суна гӀело ярна а,
хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо,
уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.
5 Сан кийрарчу даго а хьийзаво со,
Ӏожаллин къемато а дӀалаьцна со.
6 Кхерар а, вегавар а тӀедеана суна,
Ӏада а вина, воьхна хьийза со.
7 Цундела ас элира: «Кхокханан санна
долу тӀемаш суна хьан лур дара?
Со, тӀема а ваьлла, паргӀатвер вара.
8 Со, генна дӀа а вахана,
яьссачу аренгахь вуьсур вара.
9 Йилбазмохах а, дарцах а
со дӀалачкъа сихлур вара».
10 Хьалдолу Эла, меттанаш э а дай,
къамел карзахдаккхахьа сан мостагӀийн.
Къизалла а, барт цахилар а го суна гӀалахь.
11 Дийнахь а, буьйсанна а
цу гӀалин пенаш тӀехула го боху цара.
Цу гӀалахь зуламаш а, баланаш а бу.
12 Цунна чохь бохамаш а хуьлу.
Цуьнан майданашкара нахана гӀело яр а,
мекарлонаш лелор а дӀа а ца долу.
13 Ткъа сан мостагӀа вац со емалвийриг –
иза-м ас ловр дара.
Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац –
цунах-м со къайлавер вара.
14 Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг –
сан уллора доттагӀа, со тешна Ӏаш верг.
15 Вайшиммо вовшашка дагара а дуьйцура,
адамийн тобанна юкъахь вайшиъ цхьаьна
Делан цӀийнан керта а воьдура.
16 Сан мостагӀашна тӀе цӀеххьана Ӏожалла йогӀийла.
Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла,
хӀунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду,
вониг церан дегнаш чохь долуш ду.
17 Ткъа со-м Деле кхойкхуш ву,
Везачу Эло со кӀелхьар а воккхур ву.
18 Суьйранна а, Ӏуьйранна а, делкъахенахь а
со латкъамаш беш а ву, узарш деш а ву,
ткъа Цунна сан аз дӀахезар ду.
19 Суна дуьхьал бинчу тӀамах
Цо со маьршачу метте воккхур ву,
суна дуьхьалбевлларш алссам белахь а.
20 Азалера дуьйна олалла деш волчу Далла
со дӀа а хезар ву, Цо уьш сийсаз а бохур бу.
Уьш цкъа а хийца ца бели,
хӀунда аьлча уьш Делах кхоьруш бац.
21 Сан доттагӀа хиллачо шен накъосташна дуьхьал куьг айдина,
цаьрца ша бина барт цо боха а бина.
22 Цуьнан бага даьттанал а кӀеда ю,
амма цуьнан даг чохь мостагӀалла ду.
Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кӀеда ду,
ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду.
23- 54:23 1 Кипин 5:7. Хьайн гӀайгӀанаш Везачу Элана тӀеяхка,
ткъа Цо хьо чӀогӀа лоттуьйтур ву.
Шен лаамехь верг Дала
цкъа а дӀасатоьхкуьйтур вац.
24 Амма Ахьа, Дела, уьш кӀоргачу эхарта чу туьйсур бу.
Адамийн цӀий Ӏеночара а, мекарлонаш лелочара а
шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц.
Ткъа со Хьох тешна Ӏаш хир ву.
55Делах дегайовхо хиларх долу доӀа
1+ 55:1 *Корта 55 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *56.*- 55:1 Сулим 21:13-15. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Генахь дӀатийна кхокха» олучу мукъамехь ала езаш ю. Гати-гӀалахь ша пӀелаштамхоша дӀалаьцначу хенахь Дауда язйина назма ю иза.
2 Къинхетам бехьа сох, Дела!
МостагӀаша эккхийна лелош ву со,
хӀора дийнахь тӀелеташ, цара ницкъ бо суна.
3 Сайн кӀесаркӀога чохь церан садеӀар
хаало суна хӀора дийнахь.
Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш!
4 Со кхоьручу хенахь
Хьох дегайовхо ю сан.
5 Делехь ас хастадо Цуьнан дош,
Делах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру.
ХӀун дийр ду суна гӀорасизчу адамо?
6 Денна а мостагӀаша хуьйцу сан дешнаш,
сох йолу церан ойланаш зуламна ю.
7 Вовшех а бетталуш, теба а тебаш,
со воьду меттиг ларйо цара,
сан са эцархьама.
8 Шаьш лелочу харцонна кӀелхьардовлар хир дуй те царна?
Дела, Хьайн оьгӀазаллица таӀзар дехьа цу нахана.
9 Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош.
Сан бӀаьрхиш Хьо волчуьра пхьегӀи чу гулделла,
Хьан тептар тӀехь-м дац те уьш?
10 Сан мостагӀий юхабовлу, со Хьоьга кхайкхича,
хӀунда аьлча суна хаьа Дела сайгахьа вуйла.
11 Делехь ас хастадо Цуьнан дош,
Везачу Элехь ас хастадо и дош,
12 Цунах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру.
ХӀун дийр ду суна адамо?
13 Хьуна йина чӀагӀонаш кхочушъяр ду суна тӀехь.
Хьуна баркаллин сагӀанаш дохур ду ас.
14 Ахь валарх кӀелхьарваьккхи со,
сан когаш совцучуьра ларби,
дахар лучу серлонгахь
Далла хьалха со лелийта.
56ГӀо доьхуш дина доӀа
1+ 56:1 *Корта 56 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *57.*- 56:1 Шамъал 22:1; 24:4. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаулах ведда, хьеха чу ша вахча, Дауда язйина назма ю иза.
2 Къинхетам бехьа сох, Дела,
къинхетам бехьа,
Хьох ю сан дегайовхо.
Хьан тӀома кӀел лечкъар ву со,
сайн бохамаш дӀабовллалц.
3 Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со,
Шен Ӏалашо суна лерина кхочушъечу Деле.
4 Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву,
со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.
Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.
5 Сан са лоьмашна юкъахь ду.
Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина,
маттех ира тарраш а дина,
Ӏачу адамийн кӀенташна юкъахь Ӏуьллу со.
6 Стигалал лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7 Со лаца кечбина гур бара,
гӀайгӀанехь вара со.
Суна хьалха ор даьккхира цара,
амма шаьш цу чу ийгира.
8 Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза:
ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна.
9 ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа!
Самабала, мерз-пондар!
ГӀатта, Ӏад хьокху пондар!
Малх самабоккхур бу ас.
10 Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву,
Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
11 Стигала кхаччалц бу Хьан безам,
мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
12 Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
57Ӏесачарна таӀзар дар доьхуш Деле дина доӀа
1+ 57:1 *Корта 57 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *58.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. И назма Дауда язйина ю.
2 Нийсо билггал кхайкхайой те аша, куьйгалхой?
ЦӀеначу дегнашца йой теша аша адамашна юкъахь кхел?
3 Дегнаш чохь харцонаш кхуллу аша.
Шайн куьйгийн къизалла махкахь узу аша.
4 Дуьнен чу бовллушехь, нийсачу некъана тӀера дӀабевлла Ӏесанаш.
Харцдерг а дуьйцуш, ненан кийрара схьабовллушехь, тилабелла уьш.
5 Церан дӀовш лаьхьанан дӀовш санна ду.
Иза шен лергаш дӀакъовлуш болчу,
къорачу лаьхьанан дӀовш санна ду.
6 Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз,
молханаш лелош верг мел говза велахь а.
7 Дела! Церан багара цергаш кегъехьа!
Веза Эла! Цу лоьмийн мочхалш атахьа!
8 ДӀадоьду хи санна, уьш тӀепаза дӀабойийла.
Шайн Ӏад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла.
9 ДӀайоьддушехь, ешна дӀайолу этмаьӀиг санна, дӀабовлийла уьш.
Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла.
10 Ешна кӀел йогучу коьллех цӀе латале,
ховха я екъа уьш елахь,
йилбазмохо дӀасаяржийна
коьллаш санна уьш хуьлийла.
11 Бина бекхам шена гича,
Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду.
Цо Ӏесачун цӀийлахь шен когаш буьлур бу.
12 ТӀаккха адамо эр ду:
«Билггал хуьлу Делан лаамехь волчунна стом!
Иштта, волуш ву дуьнен чохь кхел еш волу Дела!»
58Ларвар доьхуш дина доӀа
1+ 58:1 *Корта 58 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *59.*- 58:1 Шамъал 19:11. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза.
2 Сан Дела, мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа!
Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа.
3 Харцо лелочарах со Ӏалашвехьа,
цӀий Ӏанор дезаш болчарах со кӀелхьарваккхахьа.
4 Уьш сан синна кӀелхевшина бу.
Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш,
гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла.
5 Сан бехк боццушехь, суна тӀелата дӀагуллуш бу уьш.
Орцах а валий, хьажахьа соьга.
6 Массо ницкъийн Веза Дела,
Исраилан халкъан Дела,
самавалахьа дерриг халкъашна дуьхьалвалархьама,
Мекарчарах цхьаннах а къинхетам ма бехьа.
7 Суьйранна схьабогӀий,
жӀаьлеш санна, угӀу уьш,
гӀалина гонах а лелаш.
8 Харцдерг дуьйцу церан меттанаша.
Тарраш санна, ду уьш.
«Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара.
9 Амма, Веза Эла, Хьо воьлуш ву царах.
Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор ду дерриг а халкъаш.
10 Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху,
хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.
11 Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву.
Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.
12 Цкъачунна хӀаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта.
Хьайн ницкъаца дӀасакхиссинчул тӀаьхьа, эшабе уьш,
Веза Эла, тхо лардеш верг.
13 Церан матта тӀера дош баганца латийна къа ду.
Шайн куралла бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла уьш,
шаьш дуьйцу неӀалт а, харцдерг а бахьана долуш.
14 Хьайн оьгӀазаллица, хӀаллакбай,
дӀабахахьа уьш.
ДӀахоийла царна Якъубан махкана тӀехь Дела вуйла а,
Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а.
15 Суьйранна схьабогӀий,
жӀаьлеш санна, угӀу уьш,
гӀалина гонах а лелаш.
16 Юург лоьхуш, кхерста шайна,
меца а долуш, гӀигӀ а деш.
17 Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду,
Ӏуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу,
хӀунда аьлча суна тӀе хало хӀоьттича,
Хьо сан гӀап а, кӀелхьарволу меттиг а хилла.
18 Дела, сан ницкъ!
Хьо хастор ву ас,
хӀунда аьлча Хьо сан гӀап а,
со везаш волу Дела а ма ву.
59Исраилан халкъ кӀелхьардаккхар доьхуш дина доӀа
1+ 59:1 *Корта 59 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *60.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. ХӀара хьехаме назма Дауда язйинера, 2 ша Арам-НахӀараим-махкахь+ 59:2 *Арам-НахӀараим-мохк *– иза Месопотама-махкахь къилбаседе-малхбузехьа лаьтташ бара.* а, Цоба-махкахь+ 59:2 *Цоба-мохк *– иза Сири-махкахь бара, Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа.* а арамхошца тӀом бечу хенахь а, Йоаба, цигара юха а вирзина, Дуьрачу тогӀи чохь шийтта эзар эдомхо хӀаллаквинчу хенахь а.
3- 59:3 Дауд 8:13; 1 Шерашкахь 18:12. Ва Дела! Ахь дӀатесна тхо, Ахь дохийна тхо.
Хьо оьгӀазвахана тхуна – хӀинца юхаметтахӀоттадехьа тхо!
4 Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна.
Цуьнан йоьхна меттигаш меттахӀиттаехьа,
хӀунда аьлча иза лесташ ду.
5 Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина,
тхо дӀасатехкадолуьйту чагӀар малийна Ахь тхуна.
6 Хьайга ларамах буьзначарна
Ахьа байракх хьалаайина,
уьш Ӏодах кӀелхьарбовлийтархьама.
7 Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа,
оха деш долу доӀанаш дӀа а хазахьа,
Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
8 Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш,
Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9 ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу,
Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю,
ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10 Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю.
Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас,
иза Сайн хилар дӀагайтархьама.
Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПӀелаштам-мохк!»
11 ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со?
Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
12 Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела?
Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
13 ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта,
хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
14 Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу,
тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.
60Синца чӀагӀвар доьхуш дина доӀа
1+ 60:1 *Корта 60 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *61.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю.
2 ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам,
бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.
3 Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера
сайн эшначу дагца.
Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий,
дӀахӀоттавехьа со хӀинца,
4 со къайлавоккхург а Хьо волу дела,
сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.
5 Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь,
къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.
6 Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна.
Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.
7 Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.
8 Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна.
Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.
9 Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли,
кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.
61Делах тешна Ӏаш хилар
1+ 61:1 *Корта 61 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *62.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Даудан назма.
2 Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу.
Сан кӀелхьарвалар Цуьнгара ду.
3 Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а.
Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.
4 Мел бийр бу те аша стагана ницкъ?
Шу дерриш а иза хӀаллакван гӀерта.
Иза сеттина пен санна ву,
охьаяха гергга йолу йоьхна керт санна ву.
5 Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна,
харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво,
ткъа дегнаш чохь цунна неӀалташ кхайкхадо цара.
6 Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем!
Сан дегайовхо Иза бен яц.
7 Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а.
Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.
8 Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду,
сан сий а Цунах дозуш ду.
Сан нуьцкъала тарх а Иза ю,
суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.
9 Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила.
Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде.
Дела ву вайна дӀалачкъа меттиг.
10 КӀезиг берш доӀу са бен бац.
ЦӀеяхна берш хӀумма а доцург бен бац.
Терзанна тӀедехкича, церан барам бац.
Уьш доӀучу синан барамехь бен дац.
11 ГӀело еш даьккхинчух тешна а ма Ӏе,
шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де.
Хьал алсамдуьйлуш делахь а,
шайн дегнаш цунна дӀа а ма ло.
12 Кест-кеста Дала олура,
ткъа суна иза дукхазза а хезара:
ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу,
13- 61:13 Аюб 34:11; Ярми-ЯхӀу 17:10; Маттай 16:27; Римхошка 2:6; Довзийтинарг 2:23. безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу.
Ша-ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина,
Хьо хӀоранна а доггӀург дӀалуш ву.
62Деле сатийсар
1+ 62:1 *Корта 62 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *63.*- 62:1 Шамъал 23:14. ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахь ша волуш Дауда аьлла йолу назма.
2 Дела! Хьо сан Дела ма ву!
Сан даго Хьо даим а лоьху!
Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а.
Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна,
Хьоьга сатуьйсу ас.
3 Хьан дезачу цӀа чу хьоьжура со,
Хьан нуьцкъалалла а, сийлалла а гархьама.
4 Хьан безам а, дикалла а дахарал гӀоле ду.
Хьо хестош, бага юьззина ас илли эр ма ду.
5 Дуьнен чохь со мел веха, Хьо аса хестор ву.
Хьоьга доӀанаш а деш, куьйгаш хьалакхийдор ду.
6 Токх кхачано санна, сан са Ахь дузу.
Сайн айдинчу озаца Хьуна ас хастам бо.
7 Хьох лаьцна ойла йо ас буьйсанан дакъошкахь,
Хьо дага оьху суна вижинчу хенахь!
8 Суна гӀо а Хьоьгара ду,
Хьан тӀемийн ӀиндагӀехь со воккхавеш хир ву.
9 Сан са а безамца Хьох дӀа ма хьерча.
ГӀо деш, со дӀалоцу Хьан аьтту куьйго.
10 Сан валар лоьхуш берш
лаьттан буха кхочур бу.
11 Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу.
ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.
12 Ткъа паччахь а воккхавийр ву
Дала шена деллачух.
Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а,
хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.
63Ларвар доьхуш дина доӀа
1+ 63:1 *Корта 63 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *64.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Ва Дела, ас латкъам бечу хенахь, сан аз дӀахазахьа,
мостагӀчуьнгахьара суна болчу кхерамах сан дахар лардехьа.
3 Вониг лелош болчеран ойланех а,
зулам дечеран тобанех а со дӀахьулвехьа.
4 Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо,
ткъа шайн дешнаш, дӀаьвше пхерчий санна, тӀекхуьссу.
5 Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу.
ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.
6 Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чӀагӀбо.
«Иза-м хьанна гур бара?» – бохуш,
шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо.
7 Мекара ойланаш а еш, цара олу:
«Говза хьесап дина оха».
Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!
8 Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу.
Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.
9 Цара шайн меттанашца шаьш хӀаллакбийр бу.
Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду.
10 Массо а адам кхералур ду,
цара Делан гӀуллакх кхайкхор ду,
Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю.
11 Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву,
ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна.
Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву.
ДогцӀена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу.
64Хастам бар а, баркалла алар а
1+ 64:1 *Корта 64 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *65.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Йиш.
2 Цийон-ломахь Хьуна хастам бан хьакъ ма ду, Дела,
Хьуна дина нигаташ кхочушдина хир ма ду.
3 Тхан доӀанаш Хьуна дӀахеза.
Муьлхха а адам Хьуна тӀе догӀу.
4 Къилахь долчу гӀуллакхаша гӀелвина со,
ткъа Ахь тхан зуламашна гечдо.
5 Декъала ву Ахь хаьржинарг,
Хьайн керташкахь Ӏайта Хьайна тӀеозийнарг!
Тхо Ӏаьбна хир ду Хьан цӀийнан диканах,
Хьо Ӏаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо.
6 Тхо кӀелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна
ларамах дузуьйтуш долчу паргӀатдахаран гӀуллакхаш дарца.
Лаьттан массо а маьӀӀехь болчеран а,
генарчу хӀордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву.
7 Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дӀахӀиттадо,
Хьайн гӀодаюккъехь гӀора а Ахь латтадо.
8 ХӀордийн а, церан тулгӀенийн гӀовгӀа а,
халкъийн карзахдалар а дӀасацош верг а Хьо ву.
9 Лаьттан йистошкахь бехаш берш
Хьан тамашийнчу билгалонашка
ларамах буьзна бу.
Малхбалехь а, малхбузехь а бехаш болчаьрга
Хьайна хастамаш бойту Ахьа.
10 Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо,
иза токхе а хуьлуьйту Ахь,
тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш.
Ахь адамашна ялта кхуьуьйту,
Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела.
11 Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу,
гӀорзанаш дӀа а шарйо,
догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до,
цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо.
12 Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо,
Хьан лараш а токхонах юьзна ю.
13 Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло,
гунаш хазахетарх а дузу.
14 Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш.
ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш,
даккхийдерца эшарш а лоькхуш.
65Хастаман а, баркаллин а йиш
1+ 65:1 *Корта 65 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *66.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: назма.
Аз айдина кхайкхалахь Деле, дерриг а дуьне.
2 Цуьнан цӀеран сийлаллина йиш лакха,
Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе.
3 Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду!
Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь
Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.
4 Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа,
цо Хьуна эшарш а лоькху.
Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!»
5 Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка.
Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду.
6- 65:6 а: Арадаккхар 14:21; б: ЮшаӀ 3:14-17. Цо хӀорд а лакъийра,
латта декъа а хилийтира.
Тхан дай, Йордан-хи а лекъна,
декъачу лаьтта тӀехула гӀаш дехьабевлира.
Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо!
7 Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до.
Цуьнан бӀаьргаш халкъашна тӀедерзийна ду.
Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гӀовттийла!
8 Халкъаш, аша вайн Далла хастам бе,
Цунна бечу хастаман аз дӀахозийла.
9 Цо вайн синош а дийна дитина,
вайн когаш а бега ца байтина.
10 Веза Дела, Ахь зийна тхо,
цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна,
цӀан ма дина Ахь тхо.
11 Ахь тхо гуре лацийтира,
тхан ги деза маххьаш дехкира.
12 Ахь тхан кортош тӀехула мостагӀа ластавайтира.
ЦӀерах а, хих а тхо чекхдевлира,
ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира.
13 Дийнаташ дагоран сагӀанаш дахьаш, со Хьан цӀийнан керта вер ву,
Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду.
14 И нигаташ ас дина, со холчу хӀоьттича,
сан багара уьш девлира, со вистхилча.
15 Хьуна сагӀина ас дерстина дийнаташ дахьар ду,
койн мохь а ягор ю.
СагӀина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю.
16 Схьа а дуьйлий, ладогӀийша, Далла хьалха ларамах дуьзначу массара а,
Цо сан дуьхьа мел динарг дуьйцур ду ас шуна.
17 Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга,
сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза.
18 Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара,
Хьалдолчу Элана со дӀахезар вацара.
19 Ткъа Далла со дӀахезира,
сан доӀан озан Цо тидам бира.
20 Хастам бу сан доӀа дӀа ца теттина волчу а,
Шен безам сох дӀа ца къастийна волчу а Далла.
66Баркаллин йиш
1+ 66:1 *Корта 66 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *67.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара йиш, хӀара назма, мерз-пондаршца лакха езаш ю.
2 Дела вайца къинхетаме хуьлийла,
Цо вай декъал а дойла,
Цо Шен юьхь тӀера серло вайна лепайойла,
3 кху лаьттарчу адамашна Хьан некъ бовзийтархьама а,
массо а халкъашна Хьоьгара долу кӀелхьардовлар довзийтархьама а.
4 Ва Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша.
Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.
5 Самукъа а долийла, хазахетар а хуьлийла къаьмнийн,
хӀунда аьлча Ахь халкъашна тӀехь нийсонца кхел а йо,
лаьттарчу къаьмнашна тӀехь урхалла а до.
6 Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша.
Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша.
7 Лаьтто шен стом белла.
Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо.
8 Дала вай декъалдо,
лаьттара массо а маьӀӀера адам
Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама.
67Сийлахьчу толамна аьлла назма
1+ 67:1 *Корта 67 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *68.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Даудан илли ду.
2 Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна,
хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий.
ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш.
3 Мохо дӀасабаржош болу кӀур санна, дӀасабаржабойла Ахьа уьш .
ЦӀеро башош болу балоз санна, хӀаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш .
4 Ткъа Делан лаамехь берш самукъадаьлла хуьлийла.
Далла хьалх дог айаделла а, баккхийбеш а хуьлийла уьш.
5 Алалаш иллеш Далла!
Алалаш иллеш Цуьнан цӀарна!
Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг!
Цуьнан цӀе Веза Эла ма ю.
Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалх!
6 Байлахь бисинчеран Да а волу,
бисина Ӏачу зударшкахьа ГӀодоккхург а волу
Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цӀа чохь.
7 Цхьа бисинарш а Дала хӀусамаш чу дӀатарбо.
Тутмакхаш а Дала буржалех паргӀатбоху.
Ткъа Цунна муьтӀахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу.
8 Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь,
яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь,
9- 67:9 Арадаккхар 19:18. Латта а дегадора,
стигалш а ешара,
Синай-ламанан Далла хьалх,
Исраилан халкъан Далла хьалх.
10 Беркате догӀа доуьйтура Ахь, Дела,
Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича,
иза юха а чӀагӀ а деш.
11 Цу лаьттахь Хьан халкъ дехаш дӀахӀоьттира,
Хьайн диканца мискачунна оьшург латтийра Ахь, Дела.
12 Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира,
ткъа и хаам дӀасабаржош болу зударий дуккха а бара.
13 «МостагӀчун эскарш а, паччахьаш а дӀасауьдуш ма бу».
Ткъа цӀахь бисина зударий еана хӀонс йоькъуш ма бу:
14 тӀемаш дети диллина а,
месаш деши диллина а долу и кхокхий.
(Шу, божарий, гӀотанаш юкъахь хиъна хӀунда дисина?)
15 Нуьцкъалчу Дала кху лаьттахь паччахьаш дӀасабаржийча,
Ӏаьржачу Цалмун-лам тӀе кӀайн ло диллича санна хеталора.
16 Башан-лам – сийлахь лам ма бу!
Дукха лекха баххьаш цунна тӀехь ма ду!
17 ХӀунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш,
Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе?
Вехар ву Веза Эла цу лам тӀехь даим.
18 Делан сийлахь гӀудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю.
Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тӀера Шен дезачу цӀа чу воьссира.
19- 67:19 Эпасхошка 4:8. Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье,
йийсарехь болчарна хьалха а хӀуттуш.
Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгӀаташ тӀеийцира,
ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а.
20 Декъала ву Хьалдолу Эла,
дахаран мохь денна а тхан метта лелош волу а,
тхо кӀелхьардоху Дела волу а.
21 Вайн Дела – кӀелхьардоху Дела ву.
Хьалдолчу Элан карахь ду вайн Ӏожаллех довлар.
22 Дала Ша эгор ду мостагӀийн кортош а,
харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а.
23 Везачу Эло ма аьлла: «Башанна тӀера мостагӀий Ас юхаберзор ма бу.
ХӀорда бухара а Ас уьш схьабохур ма бу,
24 хьан жӀаьлеша мостагӀийн цӀий чу шайн меттанаш Ӏиттийтархьама а,
хьоьга хьан когаш церан цӀийла бахкийтархьама а».
25 Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар,
сан паччахь волчу Делан Шен цӀа чу валар.
26 Хьалхабевлла боьлху эшарш лоькхурш а,
царна тӀаьхьахӀиттина богӀу зурманчаш а.
Ткъа юкъарчу могӀарехь, вотанаш а етташ, мехкарий а ма бу.
27 Декъалвелаш Дела тукхамийн гуламехь,
вазвелаш Веза Эла, аша, Исраилан хӀух долчара.
28 Хьалхадаьлла догӀу Бен-Яманан жима тайпа.
ЯхӀудхойн элий а богӀу шайн йоккхачу тобанца.
Забулхойн элий а бу напталхойн элашца.
29 Ва Дела, омра дехьа Хьайн ницкъаца+ 67:29 *Уггар ширачу тептарш тӀехь: *Хьан Дала хьуна ницкъ къобалбина.*.
Гайтахьа Хьайн ницкъ, Ахьа хьалха ма-гайттара,
30 Ярушалаймехь долчу Хьайн цӀийнехь.
Цу чу Хьуна лерина совгӀаташ дахьар ду паччахьаша.
31 ДӀатедехьа Ахьа Мисаран халкъ,
эрзана юкъарчу экханах тераниг+ 67:31 *Эрзана юкъара экха *– иза, схьахетарехь, Мисар-махкахь лоруш йолу бегемот цӀе йолу дийнат ду.*,
эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу,
шен долахь долчу деших тамаш бийриг.
Цара, кортош охьа а таӀийна, Хьуна шайн дато гӀорзанаш йохьийла.
ДӀасатийсахьа Ахь тӀом безаш долу халкъаш.
32 Мисар-махкара богӀур бу векалш.
Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш.
33 Лаьттарчу пачхьалкхаша Далла ала иллеш.
Вазве Хьалдолу Эла шайн иллешца!
34 Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг.
Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо.
35 Делан ницкъ хилар къобалделаш!
Исраилан халкъана тӀехь ю Цуьнан возалла.
Мархашна тӀехь ю Цуьнан нуьцкъалалла.
36 Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цӀа чуьра Хьо вогӀучу хенахь.
Исраилан халкъан Дела!
Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чӀагӀо а.
Декъала ву Хьо, Дела!
68Орца даккхар
1+ 68:1 *Корта 68 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *69.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш йолу Даудан назма ю хӀара.
2 Ва Дела, кӀелхьарваккхахьа со,
хӀунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш.
3 КӀоргачу уьшал чохь висна со,
тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна.
Хийн кӀоргене чуваьлла со,
цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.
4 Орцанаш дукха дахарна ца мегачу ваьлла со,
къамкъарг якъаелла сан.
Сайн Деле ладегӀарна,
бӀаьргаш гӀелделла сан.
5- 68:5 Забур 34:19; Яхьъя 15:25. Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш
сан коьртарчу месел а дукха бу.
Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу,
ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу.
Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург,
шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.
6 Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а,
сан къинош а Хьох къайла ца девлла!
7 Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла,
Хьоьга сатийсар долчарна
со бахьанехь эхье хӀума тӀе ма догӀийла.
Исраилан халкъан Дела,
Хьо лоьхуш лелаш берш
соьгахула юьхьӀаьржачу ма хӀуьттийла.
8 Хьан дуьхьа лов аса сайна бо тӀехбеттамаш,
дерриг а со, юьхьӀаьржачу а хӀуьттуш.
9 Сан вежаршна хийра хета со,
сан ненан кӀенташна геннара хета со.
10- 68:10 а: Яхьъя 2:17; б: Римхошка 15:3. ХӀунда аьлча Хьан цӀийне болчу хьагамо вагош ву со,
ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тӀе эгадо.
11 Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу,
ткъа и бахьанехь со дола хета.
12 Сингаттаман духар сайна тӀе духу аса,
ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо.
13 ГӀалин кевнехь хиъна Ӏаш болчара
сох лаьцна ца бешаш къамелаш до,
чагӀар муьйлучара а,
сох буьйлуш, со шайн эшаршна юкъавалаво.
14 Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доӀа до.
Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь,
Хьайн боккха безам хиларна,
Ахь билггал со кӀелхьарвоккхург хиларна,
дӀахазахьа со.
15 Со кӀел ца висийтархьама,
уьшал чуьра хьалаваккхахьа со.
Соьга безам боцучех а,
кӀоргачу хих а кӀелхьарваккхахьа со.
16 Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа,
кӀоргачу хине со дӀа а ма кхаллийтахьа,
эхарта чу а вахийтина, иза суна тӀаьххье дӀа а ма къовлийтахьа.
17 Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа,
Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.
18 Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дӀа ма ерзаехьа.
Сихха дӀахазахьа со, хӀунда аьлча со гӀайгӀанехь ма ву.
19 Сан синна гергахьа а волий, иза кӀелхьардаккхахьа.
Сан мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа.
20 Хьуна хаьа со емалвеш хилар а,
сийсазвохуш хилар а, юьхьӀаьржачу хӀиттош хилар а.
Сан берриг а мостагӀий Хьуна хьалха бу.
21 Со емалваро сан дог а дохийна,
со холчу а хӀоттийнера.
Аса сайх къинхетам бар лоьхура, амма иза бацара суна.
Аса сайн догъоьцурш лоьхура, амма уьш ца карийра суна.
22- 68:22 Маттай 27:48; Марк 15:36; Лака 23:26; Яхьъя 19:28, 29. Сан кхачанца цара стим эбира суна,
со хьогах волуш къонза малийра суна.
23- 68:23, 24 Римхошка 11:9, 10. Шаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна,
цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.
24 Царна хӀумма а ца гайта, церан бӀаьргаш кхулийла.
Церан баккъаш гуттаренна а ситтина хуьлийла.
25 Царна тӀе Хьайн дералла Ӏанаехьа.
Хьан чӀогӀачу оьгӀазалло дӀалоцийла уьш.
26- 68:26 Векалийн 1:20. Церан меттамотт а бассийна хуьлийла,
церан четарш чохь цхьа а ма вехийла.
27 Ахь таӀзар диначарна тӀаьхьабевлла лелаш бу уьш.
Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш.
28 Церан массо а къинош дӀаяздехьа,
Хьайн кӀелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа.
29- 68:29 Арадаккхар 32:32; Довзийтинарг 3:5; 13:8; 17:8. Дийна болчеран тептар тӀера церан цӀераш дӀайовлийла,
Хьан лаамехь болчеран цӀерашца цхьаьна
церан цӀераш ма язйойла.
30 Ткъа аса гӀело а хьоьгу, со баланехь а ву.
Дела, Ахь со кӀелхьар а воккхийла, лар а войла.
31 Сайн Делан цӀеран сийлалла ас иллешкахь хастор ю,
баркалла аларца ас Иза хьалавоккхур ву.
32 Иза Везачу Элана тамехь хир ду,
сагӀина бахьачу старал а,
маӀаш а, бергаш а йолчу старгӀанал а.
33 ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду.
Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.
34 ХӀунда аьлча Везачу Эло мискачаьрга ла а дугӀу,
йийсарехь болу Шен нах Цо дӀа а ца тотту.
35 Хастамаш бойла Цунна стигалша а, лаьтто а,
хӀордо а, цу чуьра дийна мел долчу хӀумано а.
36 Дала Цийон-лам кӀелхьарбоккхур бу.
Цо ЯхӀуд-мехкан гӀаланаш юхаметтахӀиттор ю.
Цигахь адам даха а хуур ду,
и латта цара шайн дола а доккхур ду.
37 И мохк Цуьнан леш болчеран тӀаьхьенна кхочур бу,
Цуьнан цӀе езаш берш цигахь баха ховшур бу.
69ГӀо доьхуш дина доӀа
(Забур 39:12-18)
1+ 69:1 *Корта 69 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *70.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.
2 Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа.
Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.
3 Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш
эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла!
Суна зулам хила луурш,
юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла!
4 Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» – бохурш,
шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла.
5 Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь
хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла!
Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара
саццаза: «Сийлахь ву Дела!» – олийла.
6 Со-м къен а, миска а ву.
Дела, суна тӀе кхача сихлохьа!
Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а.
Веза Эла, хье ма лохьа!
70Къеначу хенахь ларварх долу доӀа
1+ 70:1 *Корта 70 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *71.* Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса,
юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со цкъа а.
2 Хьо бакъ хиларна,
кхерамах паргӀатваккхахьа со.
Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай,
кӀелхьарваккхахьа со.
3 Муьлххачу а хенахь сан дӀалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна.
Ахь дош делла со кӀелхьарваккха, цундела Хьо сан чӀагӀо а, гӀап а ю.
4 Сан Дела! Харцо лелочарах кӀелхьарваккхахьа со,
къизачу а, ницкъ бечу а нахах ларвехьа со.
5 Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла,
жимачохь дуьйна дегайовхо ю.
6 Вичхьана а дагца Хьоьца чӀагӀвелла со.
Ахь ненан кийрара схьаваьккхина со.
Хьо ас гуттар а хестор ву.
7 Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета,
хӀунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.
8 Хьан сийлалла хӀора дийнахь хестайо ас,
Хьан возаллех долу дош сан багахь даим ду.
9 Со, къанвелча, дӀа ма тасалахь,
сан гӀора дӀадолучу хенахь со-со ма виталахь.
10 Сан мостагӀий суна луьйш бу,
со вен ларвеш берш барт беш бу.
11 Цара боху: «Дала дӀатесна иза,
тӀаьхьа а довлий, схьалаца иза,
и кӀелхьарваккха цхьа а вац цуьнан».
12 Дела! Гена ма валахьа суна.
Сан Дела! Сихха орцахвалахьа суна.
13 Сан синна дуьхьал мостагӀалла лелораш,
эхь а хетта, дӀабовлийла,
суна зулам лоьхуш берш
юьхьӀаьржачу хӀиттийтахьа!
14 Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а,
Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.
15 ХӀора дийнахь Хьан бакъдерг дуьйцуш,
Ахь кӀелхьардахар кхайкхор ду ас,
цуьнан барам суна ца хаахь а.
16 Сан Хьалдолчу Элах болу кхаъ бахьаш, вогӀур ву со,
Хьан нийсо ас кхайкхор ю,
Хьан цхьаннан нийсо.
17 Дела! Жима волуш дуьйна Ахь нийсачу новкъа ваьккхина со,
Хьан тамашийначу хӀуманех лаьцна хӀинццалц схьадуьйцу ас.
18 Къанвелча а, къежвелча а,
дӀа ма тасалахь со, Дела,
кху тӀаьхьенна а, цул тӀаьхьа хин болчарна а
ас Хьан ницкъах лаьцна дийццалц.
19 Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу,
инзаре гӀуллакхаш дина Ахь.
Дела, мила ву Хьоьга кхочуш?
20 Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна,
амма юха а со денвийр ву Ахь,
лаьттан кийрара гӀаттор ву.
21 Со юха а тевийр ву Ахь,
сан сийлалла алсам а доккхуш.
22 Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела.
Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг!
23 Ахь кӀелхьардаьккхина сан са доккхадеш ду,
Хьуна хастам беш, сайн багахь ас мукъам бечу хенахь.
24 ХӀора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю,
хӀунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьӀаьржачу хӀиттийна Ахь,
царна эхь а хетийтина Ахь.
71Паччахьна тӀера дина доӀа
1+ 71:1 *Корта 71 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *72.* Сулиман назма.
Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Ӏамадехьа,
ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.
2 Хьан адамашна тӀехь нийса паччахьалла дойла Цо,
ур-атталла гӀело хьоьгучу Хьан нахана тӀехь бакъдолу олалла дойла Цо.
3 Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла,
гунаша царна нийсо йохьийла.
4 Халкъана юкъара гӀело хьоьгучарна
цо нийсонца кхел а йойтийла,
мискачун кӀентий цо кӀелхьар а бохийла,
амма ницкъ бийраш цо дӀа а совцабойла.
5 Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла+ 71:5 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла. *Грекийн гочдар тӀехь: *Паччахь вехаш хуьлийла.*,
малх а, бутт а мел лаьтта, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
6 Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тӀе догӀу догӀа санна,
лаьттана тӀуналла луш долу догӀанан тӀадамаш санна.
7 Цуьнан заманахь нийсо лаьттийла,
бутт дӀабаллалц беркат хуьлийла.
8- 71:8 Закри-ЯхӀу 9:10. ХӀорда тӀера хӀорда тӀе кхаччалц,
Эпрат-хина тӀера лаьттан йисте кхаччалц
цо паччахьалла дийр ду.
9 Яьссачу аренашкара бахархой
цунна хьалха охьаоьгур бу,
цуьнан мостагӀаша а лаьттана меттанаш хьоькхур ду.
10 Таршашан а, хӀордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша
цунна йолана хӀума яхьар ю.
Шеба-мехкан+ 71:10 *Шеба-мохк *– иза Ӏаьрбийн махкахь къилбехьа бара.* а, Себа-мехкан+ 71:10 *Себа-мохк *– иза ЦӀечу хӀордана малхбузехьа бара.* а паччахьаша а
цунна совгӀаташ дахьар ду.
11 Массо а паччахьаш цунна хьалха охьатеӀар бу.
Массо а халкъаша цунна хьалхара гӀуллакх дийр ду.
12 ХӀунда аьлча орца доккхуш волу мисканиг цо паргӀатвоккхур ву,
гӀо лаца цхьа а воцу гӀело хьоьгург а кӀелхьарвоккхур ву.
13 Иза гӀийлачуьнца а, пекъарца а къинхетаме хир ву,
цо мискачеран синош кӀелхьардохур ду.
14 ГӀело ярх а, ницкъ барх а цо церан синош лардийр ду,
цунна церан цӀий деза хетар ду.
15 Паччахь дукха вехийла!
Шеба-махкара деши цунна лойла.
Массо а хенахь цунна тӀера доӀанаш дойла.
Дийнахь сарралц иза декъал а войла.
16 Лаьттахь кӀа шорта хуьлийла.
Лаьмнийн лакхенашкахь иза дӀасалестийла.
Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла.
ГӀалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла.
17 Абаденналц цуьнан цӀе йиц ма лойла.
Дуьненахь малх мел кхета иза цӀеяхана хуьлийла.
Цуьнан цӀарах халкъаша вовшийн декъалдойла.
Царна массарна а иза декъалвина хетийла.
18 Хастам бу Везачу Далла, Исраилан халкъан Далла!
Веккъа Иза ву тамашийна гӀуллакхаш кхуллург.
19 Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла.
Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла.
Амин! Амин!
20 Юшайн кӀентан Даудан доӀанаш чекхдевли.
КхоалгӀа тептар
(72–88)
72Делан нийсо
1+ 72:1 *Корта 72 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *73.* Асайпан назма.
Мел дика ву Дела Исраилан халкъаца,
дог цӀена болчаьрца!
2 Амма сох лаьцна аьлча, сан ког шарша гергга бара,
некъа тӀехь гӀулч а йоккхуш, галвала со гергга вара.
3 Ӏесачеран аьтто балар сайна гича,
дозаллаш дечаьрга сан хьагӀ хуьлура.
4 Шаьш дӀакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу,
церан догӀмаш могуш а хуьлу+ 72:4 *Я иштта: *Цара баланаш а ца хьоьгу, уьш могуш а, ницкъ болуш а хуьлу.*.
5 Адамийн гӀайгӀанашкахь цара дакъа а ца лоцу,
кхиболчу наха санна, цара гӀело а ца хьоьгу.
6 Цундела, коча ухкучу туьтеша санна,
куралло дӀалаьцна уьш,
тӀедухучу духаро санна,
къизалло дӀахьулбина уьш.
7 Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара,
церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю.
8 Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара.
Дозаллаш дарца нахана гӀело яран ойланаш йо цара.
9 Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту,
церан меттанаш лаьттахула дӀаса а даьржа.
10 Цундела цара дечунна тӀедоьрзу Цуьнан халкъ а,
цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш.
11 Цо олу: «Далла и муха хуур ду?
Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»
12 Иштта бу и Ӏесанаш!
Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ца ешшехь,
церан хьал алсамдолу.
13 Ас сайн дагахь элира: «ТӀаккха аса сайн дог цӀандар а,
сайн куьг цӀена леладар а эрна хилла те?
14 Дийнахь сарралц соьга Ӏазап а хьоьгуьйту,
хӀора Ӏуьйранна суна таӀзарш а дойту».
15 Ткъа: «Ас цу тайпана къамел дийр ду», – ас аьллехьара,
Хьан берийн тӀаьхьенна хьалха со бехке хир вара.
16 Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш.
Амма суна цунах кхета хала дара,
17 Делан цӀийнан керта а вахана,
Ӏесачеран кхолламах со кхетталц.
18 Бакъду, ког шершачу меттиге дӀа а хӀиттийна,
Ахь уьш тӀепаза бойуьйтур бу.
19 Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш,
къемат тӀедарца чекхбовлу уьш.
20 Самабевлча, дӀадовш долу гӀан санна хуьлу уьш, Хьалдолу Эла.
Сама а ваьлла, царах хилларг а дицдийр ма ду Ахь.
21 Сан дог гӀайгӀане хиллачу хенахь,
сан са карзахдаьллачу хенахь,
22 сонта а вара, кхеташ а вацара со.
Хьуна хьалха бежана санна вара со.
23 Амма гуттара а Хьоьца ву со.
Ахь аьтту куьйга дӀалоцу со.
24 Хьайн хьехарца дахарехь дӀанисво Ахь со,
цул тӀаьхьа Хьайн сийлалле дӀаоьцур ву Ахь со.
25 Хьо воцург мила ву суна стигалахь?
Хьо воцург цхьа а ца оьшу лаьттахь.
26 Сан дегӀ а, сан дог а ца мегачу даьллехь а,
Дела – сан деган чӀагӀо а ю,
абаденналц сан дакъа а ду.
27 ХӀунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хӀаллакьхуьлу.
Хьайна тешаме воцу хӀорра а Ахь хӀаллакво.
28 Ткъа сох лаьцна аьлча, суна-м дика ду Далла гергахь хилар.
Со ларваран меттиг йира ас Хьалдолчу Элах.
Хьан дерриг а гӀуллакхаш ас дӀакхайкхор ду.
73Халкъ кӀелхьардаккхар доьхуш дина доӀа
1+ 73:1 *Корта 73 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *74.* Асайпан хьехаме назма.
Ва Дела, тхо гуттаренна а дӀа хӀунда тесна те Ахь?
Хьайн жа санна долчу тхуна дар хӀунда велла те Хьо?
2 Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ,
мах белла паргӀатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа!
Хьо тӀехь Ӏаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа!
3 Хьайн когаш гуттаренна а Ӏохкучу саьлнашна тӀеберзабехьа.
МостагӀчо Хьан дезачу цӀа чуьра дерриг хӀума а дохийна дӀадаьккхина.
4 Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагӀаша гӀигӀ дора.
Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дӀахӀиттийна цара.
5 Боьлакан дитташна диг тӀедерзош болчех
шаьш тера хилар гойтура цара.
6 Ткъа хӀинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хӀума
шайн дагаршца а, жӀаьвнашца а йохийна цара.
7 Хьан деза цӀа дерриг а дагийна цара.
Хьан цӀе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш.
8 Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дӀабохур бара вай», – бохуш, –
лаьттара Делан гуламаш дӀахӀуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара.
9 Тамашийна билгалонаш ца го тхуна,
пайхамар а вац тхан хӀинца,
хӀара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца.
10 Веза Дела, мел лаьттар ву те мостагӀа, Хьо емалвеш?
Гуттара-м хир яц те мостагӀчо Хьан цӀе сийсазйохуш?
11 Хьайн куьг – Хьайн аьтту куьг – сеца хӀунда до те Ахь?
Хьайн духаран хоршана юккъера иза схьатохий, хӀаллакбехьа уьш.
12 Амма Хьо, Дела, ширачу заманара дуьйна сан Паччахь ву,
лаьттахь кӀелхьарвалар дахьаш верг Хьо ма ву!
13- 73:13 Арадаккхар 14:21. Хьайн ницкъаца хӀорд а дӀасабекъабалийтира Ахь,
хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь.
14- 73:14 Аюб 40:20; Забур 103:26; ЕшаӀ-ЯхӀу 27:1. Левиятан цӀе йолчу хӀордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира,
цуьнан дегӀ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дӀаделира.
15 Хьостанаш а, татолаш а дӀаэхийтира Ахь.
Саццаза дӀаихна хиш а лакъийра Ахь.
16 Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю.
Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дӀахӀоттийна.
17 Лаьттан массо а дозанаш Ахь дӀахӀиттийна.
Аьхке а, Ӏа а Ахь дӀакъастийна.
18 Дагадаийтахьа Хьайна мостагӀа Хьайх кхардар, Веза Эла,
сонтачу цу халкъо Хьан цӀе сийсазъяхар.
19 Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа.
ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа.
20 Хьажахьа Айхьа бинчу барте, хӀунда аьлча
лаьттара ерриге а бодане меттигаш ницкъ баран меттигех юьзна.
21 Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла.
ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла.
22 Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа,
сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа.
23 Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а,
Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а.
74Дела – кхелахо ву
1+ 74:1 *Корта 74 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *75.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
2 Хастам бо оха Хьуна, Дела.
Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо.
Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.
3 Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина,
Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю.
4 Латта дӀасалесташ хилча а,
цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а,
цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву.
5 Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“,
ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де,
6 стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де,
кура корта а айина, деза детташ ма дийца“».
7 ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а,
я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар,
8 амма Дела ву Кхелахо:
Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.
9 Везачу Элан карахь цхьа кад бу,
иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу.
Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо,
ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар.
10 Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду.
Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу.
11 Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу,
амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу.
75Дела – толамхо ву
1+ 75:1 *Корта 75 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *76.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: мерз-пондаршца лакха езаш ю. Асайпан назма.
2 ЯхӀудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву,
Цуьнан цӀе исраилхошна юкъахь лоруш ю.
3 Цуьнан четар Шалейм-гӀалахь ду,
Иза Ӏаш волу меттиг Цийон-лам тӀехь ю.
4 Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а,
турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тӀеман гӀирс а бохийна.
5 Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву,
тӀехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву.
6 Майра мостагӀий хӀонс яьккхина богӀу,
Ӏожаллин наб кхетта уьш Ӏохкуш бу.
Массо а оцу тӀемалошка шайн куьйгаш
тӀом бан хьала ца айало.
7 Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, ва Якъубан Дела,
говраш а, церан дошлой а, Ӏадийна, белла.
8 Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела.
Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгӀазвахча.
9 Стигалара схьа кхел кхайкхийна Ахьа.
Латта, кхераделла, дӀатийна,
10 Хьо, Дела, кхел ян гӀаьттича,
дуьнен тӀехь гӀело мел хьоьгург кӀелхьарваккхархьама.
11 Бакъду, адамашна йолчу Хьан оьгӀазлоно
Хьуна хастамаш бойтур бу.
Хьайн дералла, духар санна, Ахь тӀеюхур ю.
12 Шайн Везачу Далла хьалха чӀагӀонаш а е, уьш кхочуш а е.
Гонах мел долчу къаьмнаша совгӀаташ дохьийла шаьш кхера Дезачунна.
13 Цо элийн синош дохадо,
лаьттара паччахьаш кхерабо.
76Бохам тӀебеача догъэцар
1+ 76:1 *Корта 76 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *77.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Асайпан назма.
2 Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цуьнга орца а дохуш.
Сан аз Деле кхойкхуш ду, Цунна со дӀахазийтархьама.
3 Бала тӀебеанчу дийнахь со Хьалдолу Эла лохуш ву.
Буьйсанна сайн ши куьг саццаза дӀасадохуьйту ас,
амма сан са шена синтем барх къаьхка.
4 Дела дага а оьхуш, ас узарш до.
Ойланаш а еш, сан са доьхна ду.
5 Ахьа соьга ши бӀаьрг дӀа ца къовлуьйту,
гӀайгӀанехь хиларна, вист а ца хилало со.
6 ДӀадаханчу денойх лаьцна ас ойла йо,
тохарлера шераш суна дагаоьху.
7 Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна,
ойла а еш, сан сино хоьтту:
8 «Массо а ханна дӀатеттина те со Хьалдолчу Эло,
кхин цкъа а резахир вуй те Иза?
9 Цуьнан хедар боцу безам гуттаренна а дӀабаьлла те,
Цуьнан ваӀда массо а тӀаьхьенашна дӀадаьлла те?
10 Шен дикалла гайтар Дала дицдина те?
ОьгӀазаллица Шен къинхетам дӀачӀаьгӀна те?»
11 Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала:
Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».
12 Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гӀуллакхаш,
дагадоуьйтур ду ас Ахьа дӀаяханчу заманахь дина тамашийна хӀуманаш.
13 Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гӀуллакхех,
ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна.
14 Дела! Беза бу Хьан некъ.
Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна!
15 Хьо тамашийна гӀуллакхаш деш волу Дела ву,
Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву.
16 Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кӀелхьардаьккхина,
Якъубан а, Юсупан а тӀаьхье.
17 Хишна Хьо гина, ва Дела,
Хьо ган а гина, уьш кхераделла,
кӀорга хӀорд а лестина.
18 Мархаша хи охьаоьхуьйтура,
стигал а яра къекъаш,
Хьан пхерчий а дара кхуьссуш.
19 Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш.
Дуьне ткъесо серладохура,
латта, меттахдуьйлуш, дегош дара.
20 Хьан некъ хӀорда юккъехь бу,
доккхачу хишна юккъехула дӀабоьду Хьан некъ,
амма Хьан лараш ца гинера.
21 Жа санна, дӀадуьгура Ахьа Хьайн халкъ
Мусан а, АхӀаронан а куьйгаца.
77Дела а, Цуьнан халкъ а
1+ 77:1 *Корта 77 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *78.* Асайпан хьехаме назма.
ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ,
сан багарчу дешнийн тидам бе.
2- 77:2 Маттай 13:35. Сан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду,
ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду.
3 Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера,
вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера.
4 Тхайн берех иза къайла а доккхур дац.
Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду
Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна,
Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна.
5 Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра,
Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира.
Тхан дайшна тӀедиллира Цо
шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар.
6 Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара,
дуьнен чу бовлучу наха
шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара.
7 ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара,
Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара,
дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.
8 Уьш шайн дайх тера хир бацара,
аьрха а, муьтӀахь боцуш а,
шайн дегнашца Делах ца тешаш а,
шайн синца Цунна тешаме боцуш а.
9 Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а,
тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира.
10 Делаца бина барт лар ца бора цара,
Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна.
11 Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш,
Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна.
12- 77:12 Арадаккхар 7:8–12:32. Мисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь,
церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш.
13- 77:13 Арадаккхар 14:21, 22. Эрзийн хӀорд дӀаса а беккъа,
цу юккъехула чекхбехира Цо уьш,
ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.
14- 77:14 Арадаккхар 13:21, 22. Дийнахь – мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло,
ткъа буьйса дӀаяллалц – цӀеран серлонца некъ гойтура царна.
15 Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна,
кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора.
16- 77:15, 16 Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13. Тархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира,
татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира.
17 Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура,
яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш.
18- 77:18-31 Арадаккхар 16:2-15; Лелар 11:4-23, 31-35. Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш,
шайна безаш болу кхача а боьхуш.
19 Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура:
«Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле?
20 Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира,
Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара.
Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга?
Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»
21 Везачу Элана иза дӀахезча,
оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал,
дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо,
22 Делах долу тешар церан ца хиларна а,
Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.
23 ТӀаккха, мархашна омра а дина,
Цо стигалан неӀарш дӀайиллира,
24- 77:24 Яхьъя 6:31. Цо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира,
догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира.
25 Маликийн бепиг дууш дара адамаш,
Цо иза царна уьш буззалц делира.
26 Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира,
иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира.
27 Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе,
хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра.
28 Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш,
Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира.
29 Цара шаьш дуззалц биира и кхача,
хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг.
30 Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале,
и кхача церан багахь болчу хенахь,
31 царна Дела оьгӀазвахара,
Цо церан тоьлла берш а байира,
исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира.
32 И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора,
уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира.
33 Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира,
церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира.
34 Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо,
царах болчу кхечара Иза лоьхура.
Уьш Далла тӀе а боьрзура,
даггара Цуьнга а хьоьжура.
35 Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а,
Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а.
36 Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора,
шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара.
37- 77:37 Векалийн 8:21. Церан дегнаш Цунна тӀедирзина дацара,
Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара.
38 Амма Къинхетаме волчу Цо,
церан къиношна геч а дора,
уьш хӀаллак а ца бора.
Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо,
Шен дераллина некъ а ца лора.
39 Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар,
юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар.
40 Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара,
акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!
41 Цара юх-юха а Дела зуьйра,
Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш.
42 Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура,
Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна.
43 Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар,
иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар.
44- 77:44 Арадаккхар 7:17-21. Мисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира,
цаьрга хи ца малийтархьама.
45- 77:45 а: Арадаккхар 8:20-24; б: Арадаккхар 8:1-6. Царна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама,
иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама.
46- 77:46 Арадаккхар 10:12-15. Церан ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира,
иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира.
47- 77:47, 48 Арадаккхар 9:22-25. Церан кемсашна тӀе къора туьйхира Цо,
церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира.
48 Церан дохнна Цо къора туьйхира,
церан бажа стелахаьштигна дӀабелира.
49 Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе,
хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна,
дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш.
50 Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира,
цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира,
церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира.
51- 77:51 Арадаккхар 12:29. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира,
церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира.
52- 77:52 Арадаккхар 13:17-22. Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира,
Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура.
53- 77:53 Арадаккхар 14:26-28. Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира,
ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира.
54- 77:54 Арадаккхар 15:17; ЮшаӀ 3:14-17. Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе,
аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе.
55- 77:55 ЮшаӀ 11:16-23. Хийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо,
церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш.
Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо.
56- 77:56 Куьйгалхой 2:11-15. Амма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира,
Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира,
Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.
57 Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира,
иштта тешаме боцуш а лелара.
Уьш харц секхаӀад санна хилира.
58 Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура,
шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура.
59 Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура,
Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура.
60- 77:60 ЮшаӀ 18:1; Ярми-ЯхӀу 7:12-14; 26:6. Цо йитира Шилунера Шен хӀусам,
Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар.
61- 77:61 Шамъал 4:4-22. Шеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира,
Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира.
62 Цо туьран кара дӀаделира шен къам,
Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара.
63 ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура,
зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура.
64 Церан динан дай туьро хӀаллакбора,
ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура.
65 Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна,
Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна.
66 Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира,
царна тӀе даима эхь а даийтира.
67 Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо,
Эпрайман тайпа а ца хаьржира.
68 ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо,
Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.
69 Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна,
Цо Шен еза меттиг йира цигахь.
Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира.
70- 77:70, 71 Шамъал 16:11, 12; Дауд 7:8; 1 Шерашкахь 17:7. Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира,
иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.
71 Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира,
цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта,
Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта.
72 Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора,
Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура.
78Исраилан халкъ кӀелхьардаккхарх лаьцна дина доӀа
1- 78:1 ТӀаьххьарнаш 25:8-10; 2 Шерашкахь 36:17-19; Ярми-ЯхӀу 52:12-14. + 78:1 *Корта 78 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *79.* Асайпан назма.
Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дӀалаьцна Хьан долахь долу латта,
цара бехдина Хьан деза цӀа,
Ярушалаймах саьлнаш йина дӀахӀиттийна цара.
2 Хьан леш болчеран декъий
стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла,
ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш
цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла
3 Цара, хи санна, цӀий Ӏанийна Ярушалаймана гонах,
уьш дӀабохка стаг а вацара.
4 Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда,
гонах мел верг тхох воьлуш а,
тхо сийсаздеш а ву.
5 Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгӀазвахар,
Хьан эмгаралла, цӀе санна, йогуш мел лаьттар ю те?
6 Хьо къобал ца вечу халкъашна тӀе
хьажаехьа Хьайн оьгӀазалла,
Хьуна Ӏамал ца ечу пачхьалкхашна тӀе
хьажаехьа Хьайн дералла.
7 ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина,
иза Ӏаш болу мохк а бохийна.
8 Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа,
Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна,
хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.
9 ГӀо дехьа тхуна, тхан КӀелхьарваккхархо волу Дела,
Хьайн цӀеран сийлаллин дуьхьа.
КӀелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа
Хьайн езачу цӀеран дуьхьа.
10 Кхечу къаьмнех болчу наха хӀунда хоьтту:
«Мичахь ву церан Дела?»
Тхан бӀаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа,
Хьан ялхойн цӀий Ӏанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.
11 Йийсархойн узарш Хьуна дӀахезийла,
Хьайн нуьцкъалаллица кӀелхьарбахахьа
хӀаллакьхила леринарш.
12 ВорхӀазза дӀадекхахьа тхан лулахошна
царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.
13 Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий,
массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду,
оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.
79Халкъ юхаметтахӀоттор дехаран доӀа
1+ 79:1 *Корта 79 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *80.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма.
2- 79:2 Арадаккхар 25:22. Исраилан халкъан Ӏу, ладогӀахьа!
Юсупан тӀаьхье, жа санна, дӀадуьгуш верг,
каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш верг,
Хьуо гайтахьа
3 Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а+ 79:3 *Эпрайм а, Маннаш а – Юсупан ши кӀант вара. Ткъа Юсуп а, Бен-Яман а – Рахьалан ши кӀант вара, ткъа Рахьал – Якъубан цунна зударех дукхаезаш ерг яра.* хьалха.
Схьагайтахьа Хьайн ницкъ,
тхо кӀелхьардаха волахьа.
4 Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
5 Ва массо а ницкъийн Веза Дела!
Хьан халкъо деш долчу доӀанашна
оьгӀаз а вахана, мел Ӏийр ву те Хьо?
6 Ахьа Хьайн халкъана бӀаьрхих дуьзна бепиг даийна,
дуккха а бӀаьрхиш а малийна Ахьа цунна.
7 Уллора къаьмнаш тхоьца эгӀийра Ахь,
тхан мостагӀий тхох кхаьрдаш бу.
8 Массо а ницкъийн Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
9 Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара,
халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.
10 Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа,
ткъа цо шен орамаш охьадахийтира,
иштта латта хьаладуьзира.
11 Лаьмнаш цуьнан ӀиндагӀо дӀахьулдира,
цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.
12 Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀадахийтина,
иштта шен синтарш а Эпрат-хина тӀе кхаччалц дӀадахийтина.
13 ХӀунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дӀа?
ХӀинца цигахула тӀех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху.
14 Неларчаша а йохайо иза,
аренгарчу акхароша а иза йоу.
15 Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа!
Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа!
ХӀокху кемсийн бешан гӀайгӀа бехьа!
16 Хьайн аьтто куьйго дӀадийначун гӀайгӀа бехьа,
Ахьа Хьайн дуьхьа чӀагӀдина долу синтаран а гӀайгӀа бехьа.
17 МостагӀаша иза, каг а дина, цӀарца дагийна.
ОьгӀазечу юьхьца цаьрга хьажахьа, уьш хӀаллакбехьа.
18 Хьайн куьг, Дела, Хьайна аьтту агӀор волчу стагана тӀе диллахьа,
Айхьа ницкъ болуш хилийтинчу адаман кӀантана тӀе диллахьа Хьайн куьг.
19 ТӀаккха тхо Хьох дӀадоьрзур дац.
Тхо дендехьа, тӀаккха Хьоьга кхойкхуш хир ду тхо.
20 Массо а ницкъийн Веза Дела! ЮхаметтахӀиттадехьа тхо.
Хьайн юьхь тӀера серло тхуна лепийтахьа,
тӀаккха тхо кӀелхьардаьхна хир дара.
80Дезачу денна лерина йолу йиш
1+ 80:1 *Корта 80 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *81.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.
2 Самукъадаларна йиш лакха вайн ницкъ болчу Далла.
Синкъераме мохь бетта Якъубан Деле.
3 Йиш лакха, жиргӀа етта,
хаза дечиг-пондар а,
мерз-пондар а лакха.
4- 80:4 Лелар 10:10. Коьман маӀа лакха бутт цӀинлучу хенахь а,
бутт бузар вайн дезде долчу хенахь а.
5 Иштта ду Исраилан халкъана делла парз,
иза ду Якъубан Дала тӀедиллинарг.
6 Иза Дала Юсупан тӀаьхьенна тӀедиллина,
Мисар-махкана дуьхьал Иза араволучу хенахь.
Сайна бевзаш боцу мотт суна хеза:
7 «Ас шун белшашна тӀера мохь дӀабаьккхина,
шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.
8- 80:8 Арадаккхар 17:7; Лелар 20:13. Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кӀелхьардехира.
Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира.
Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра.
9 ЛадогӀа, Сан халкъ, Ас шуьга дӀахьедо.
Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогӀахьара!
10- 80:10 Арадаккхар 20:2, 3; Карлабаьккхинарг 5:6, 7. Шайна юкъахь хийра дела ма хилийта,
кхечу къаьмнех волчу далла Ӏибадат а ма де.
11 Со Веза Эла ву, шун Дела,
шу Мисарара арадаьхнарг.
ДӀаелла хьайн бага, Ас иза хьалаюзур ю.
12 Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугӀура,
Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара.
13 Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура,
шена луъург а дойтуш, лелийтира.
14 Сан халкъо мукъана Соьга ладогӀахьара,
Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара!
15 ТӀаккха церан мостагӀашна тӀехь Ас сихха толам боккхур бара,
царна дуьхьалбевллачарна тӀе Сайн куьг хьажор дара.
16 Веза Эла ца везаш берш кхерарца Цунна хьалха суждана гӀур бара,
ткъа царна тӀехь долу таӀзар массо а ханна лаьттар дара.
17 Ас шуна уггар дика кӀа даор дара,
тархах даьккхина моз а лур дара шуна».
81Уггар лекха куьйгалхо волу Дела
1+ 81:1 *Корта 81 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *82.* Асайпан назма.
Дела коьртехь дӀахӀутту стигалан гуламехь.
Гуламан декъашхошна юкъахь Цо Шен кхел кхайкхайо.
2 «Мел лелар ду те шу, харцкхелаш еш?
Мел лелар ду те шу, Ӏесачарна озабезам а беш?
3 ГӀийлачеран а, байн а бакъонаш ларъе,
къенаш а, мисканаш а бехказабаха.
4 ГӀийланаш а, мисканаш а кӀелхьарбаха.
Уьш Ӏесачу нехан карара схьабаха.
5 Шуна хӀумма а ца хаьа, шу ца кхета,
шу боданехь санна лелаш ду,
шун когаш бухара латта леста.
6- 81:6 Яхьъя 10:34. Ас элира: „Шу деланаш ду,
Веза Воккхачун кӀентий а ду шу дерриш а“.
7 Амма шу лийр ду, адамаш санна,
шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».
8 ХьалагӀатта, Дела, кхел е дерриг а лаьтта тӀехь,
хӀунда аьлча дерриге а къаьмнаш Хьан долахь ду.
82МостагӀий эшорах лаьцна доӀа
1+ 82:1 *Корта 82 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *83.* Асайпан назма.
2 Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа,
къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.
3 Хьажахьа, Хьан мостагӀий бу карзахбевлла,
Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина.
4 Хьан халкъана дуьхьал цара мекара ойланаш йо.
Хьуна дукхабезаш болчарна дуьхьал а къайлаха барт бо.
5 Цара олу: «Даха а гӀой, церан къам хӀаллакде вай,
кхин цкъа а Исраилан халкъан цӀе дага ца яийтархьама».
6 Берриш а вовшех дагабовлу,
цара Хьуна дуьхьал барт бо:
7 эдомхой а, исмаьӀалхой а,
муабахой а, хӀагирхой а,
8 гебалхой а, Ӏамминхой а, Ӏамалекхахой а,
Цора-гӀаларчу бахархошца цхьаьна пӀелаштамхой а.
9 Ашур-мохк а царна тӀаьхьахӀоьттина,
ЛутӀин тӀаьхьенна гӀортор хилла, дӀахӀоьттина иза.
10- 82:10 а: Куьйгалхой 7:1-23; б: Куьйгалхой 4:6-22. Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг,
Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг.
11 Уьш Ӏейндарахь байинера,
ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера.
12- 82:12 а: Куьйгалхой 7:25; б: Куьйгалхой 8:12. Царна а, церан куьйгалхошна а Айхьа Ӏорабна а, Зиабна а диннарг дехьа,
церан массо а элана а Айхьа Зебахьна а, ЦалманаӀна а диннарг дехьа,
13 «Делан долахь долу латта
вайн дола доккхур ду вай», – аьлла болчу.
14 Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш,
мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш.
15 ЦӀаро ягош йолу хьун,
алуно морцуш долу лаьмнаш санна,
16 Хьайн дарцаца лахкахьа уьш,
Хьайн йилбазмохаца кхерабехьа уьш.
17 Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа, Веза Эла,
Хьайга кхайкхийтархьама.
18 ЮьхьӀаьржачу а хӀиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а,
эхь а доьссина, хӀаллакьхуьлийла уьш.
19 Шен цӀе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург,
дерриге а лаьтта тӀехь Веза Воккханиг хилар дӀахоийла царна.
83Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила лаар
1+ 83:1 *Корта 83 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *84.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Ва массо а ницкъийн Веза Эла!
Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!
3 Сан са цига кхача лууш ду.
Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила
сан са хьаьгна а ду.
Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а
дийна волчу Деле кхойкхуш ду.
4 Хьозанна а шена даха меттиг карайо,
чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо
Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь,
массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!
5 Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш:
уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.
6 Декъала ву шен ницкъ Хьох боьзна верг а,
Хьан цӀийне болчу новкъахула ваха дагахь верг а.
7 Белхаран аренгахула дӀабоьлхуш,
цигахь цара хьостанийн меттиг йо,
гуьйренан догӀано иза Ӏаьмнашца юзайо.
8 Церан ницкъ тӀех совболу,
уьш Цийонна тӀехь Далла хьалха дӀахӀуьтту.
9 Массо а ницкъийн Веза Дела, дӀахазахьа сан доӀа!
ДӀахазахьа ас бохург, Якъубан Дела.
10 Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела!
Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг.
11 Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де
вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу,
Делан цӀийнан кевнехь латтар гӀоле ду
Ӏесачеран четарш чохь Ӏачул.
12 Веза Дела вайна малх а, турс а ву.
Цо вайна диканиг до, вайн сий а до.
ЦӀеначу новкъахула лелаш волчунна
муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
13 Ва массо а ницкъийн Веза Эла!
Декъала ву Хьох тешна Ӏаш верг!
84Къомана диканиг дар доьхуш долу доӀа
1+ 84:1 *Корта 84 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *85.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа,
Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттийна Ахьа.
3 Хьайн халкъан зуламна геч а дина Ахьа,
церан къинош къайла а даьхна Ахьа,
4 Хьайн оьгӀазвахар а Ахьа дӀадаьккхина,
Хьайн къизачу дераллех а Хьо дӀавирзина.
5 Дела, тхан КӀелхьардохург, тхо юхаметтахӀиттадехьа,
тхуна тӀехь йолу Хьайн дералла дӀаяккхахьа.
6 Массо а ханна ю те Хьан оьгӀазалла,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка а хир ю те Хьан оьгӀазалла?
7 Тхо юха дендийр дац те Ахьа,
Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта?
8 Гайтахьа тхуна, Веза Эла, Хьайн хедар боцу безам,
Хьайн кӀелхьардаккхар а лохьа тхуна.
9 ЛадугӀур ду аса Везачу Дала бохучуьнга.
Цо машар бийр бу Шен халкъаца, Шена тешаме болчаьрца,
юха а тила ма лойла уьш.
10 Цунна хьалха ларамах буьзна берш
Цо кӀелхьарбахар герга ду,
Цуьнан сийлалла вайн лаьттахь хилийтархьама.
11 Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду,
нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду.
12 Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду,
нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю.
13 Везачу Эло беркат лур ду,
ткъа лаьтто шен стом кхиор бу.
14 Нийсо Цунна хьалхаяьлла лелар ю,
цо Везачу Элана некъ кечбийр бу.
85ГӀо доьхуш долу доӀа
1+ 85:1 *Корта 85 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *86.* Даудан доӀа.
Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане,
тахана гӀийла а, миска а ву со.
2 Кхоадехьа сан са, Хьуна тешаме ма ву со.
Хьайх дегайовхо йолу Хьайн лай кӀелхьарваккхахьа, сан Дела.
3 Къинхетам бехьа сох, Веза Эла,
дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.
4 Хазахетар лохьа Хьайн лена,
Хьоьга кховдадо ас сайн са, Веза Эла.
5 Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла,
Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам.
6 Веза Эла, сан доӀа а хазий,
сан дехаршка ладогӀахьа.
7 Доьхначу дийнахь кхойкху ас Хьоьга,
Ахь суна жоп лур долу дела.
8 Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла,
Хьайнаш санна гӀуллакхаш а дац.
9- 85:9 Довзийтинарг 15:4. Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина,
Хьуна хьалх охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла,
цара хастор ю Хьан цӀе.
10 Дела, Хьо воккха ву,
Ахь до инзаре хӀуманаш.
Хьо цхьаъ бен Дела вац.
11 Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла,
Хьуна тешаме волуш лелар вара со.
Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа.
12 Даггара Хьо хестор ву ас, сан Веза Дела,
Хьан цӀеран сий дийр ду ас даим а,
13 хӀунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу,
эхартах сан са кӀелхьардаьккхи Ахь.
14 Дела! Кура нах бевлла суна дуьхьал,
зуламхойн гӀера ю сан са лоьхуш.
Хьоьга ларам бац церан.
15 Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а,
атта оьгӀаз ца воьдуш а,
тешаме а, боккха безам болуш а ву.
16 Соьга хьажий, сох къинхетам бехьа.
Хьайн лена Хьайн ницкъ лохьа,
Хьайн гӀарбашан кӀант кӀелхьарваккхахьа.
17 Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна,
со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла,
хӀунда аьлча Ахь гӀо дина суна, Ахь тевина со.
86Ярушалайм хастор
1+ 86:1 *Корта 86 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *87.* Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2 Везачу Элан цӀийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу.
Якъубан тӀаьхьенан массо а Ӏаш йолчу меттигал а
Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза.
3 Ва Делан гӀала, хьох лаьцна
сийлахь хӀуманаш олуш ду:
4 «Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду
Мисаран+ 86:4 *Мисар *– ма-дарра аьлча: «Рахьаб». Мисаран байташ тӀехь лелош йолу цӀе ю иза.* къам а, Бавелан къам а.
ПӀелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна
эр ду, уьш Сан гӀалахь бина бу аьлла».
5 Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду:
«ХӀара а, важа а цигахь вина,
Веза Воккхачу Дала Ша иза чӀагӀйийр ю».
6 Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь
Везачу Эло дӀаяздийр ду:
«ХӀара цигахь вина», – аьлла.
7 Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду:
«Цийонера ду сан мел долу беркат».
87ГӀо доьхуш бина тийжам
1+ 87:1 *Корта 87 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *88.* Кхорахьан тӀаьхьенан назма. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ӏезарахьахо волчу ХӀайманан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат Лаунат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.
2 Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела!
Хьоьга кхойкху со дийнахь а,
Хьуна хьалха ву со буса а.
3 Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа.
ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре.
4 ХӀунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна,
ткъа дахар эхартана уллохь ду.
5 Со кошана уллохь болчу нахаца дӀанисвелла.
Со гӀора доцу стаг хилла дӀахӀоьттина.
6 Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву,
со вийна Ӏуьллу стаг санна ву,
Хьуна дага а ца вогӀуш,
Ахь гӀо дечуьра дӀа а ваьлла.
7 Ахь со эхартан саьнгар чу виллина,
бодане, бух боцучу Ӏин чу тесна.
8 Язъелла суна тӀехь Хьан дералла,
Хьайн ерриге а тулгӀенашца хьаьшна Ахьа со.
9 Ахь сан доттагӀашка а со витийтина,
царна хьалха маьттаза вина дӀахӀоттийна Ахьа со.
Со чохь Ӏаш ву, аравала йиш а яц сан.
10 Сан бӀаьргаш дукха велхарна лозуш бу.
ХӀора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву,
сан куьйгаш Хьоьга дӀакховддийначохь лаьтташ ду.
11 Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гӀуллакхаш?
Я белларш, хьала а гӀевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу?
12 Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа?
Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа?
13 Ахь дина тамашийначу гӀуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа?
Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа?
14 Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву,
сахуьлучу хенахь ас сайн доӀа Хьуна хьаладоуьйту.
15 Веза Эла, со хӀунда дӀатоьтту Ахь?
Сох хӀунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла?
16 Ас жимачу хенахь дуьйна гӀело а хьоьгу, Ӏожаллина уллохь а ву со.
Хьан къематаш а хьоьгуш, со дог доьхна ма ву.
17 Хьан дералла суна тӀехула йоьдуш ю.
Хьан бохамаша со хӀаллаквеш ву.
18 Дийнахь сарралц цара, тӀехдогӀучу хино санна, суна го бо,
цара со массо а маьӀӀера дӀа а хьулво.
19 Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагӀий а дӀабаьхна.
Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна.
88Къам холчу хӀоьттинчу ханна лерина йолу назма
1- 88:1 Сулим 4:31. + 88:1 *Корта 88 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *89.* Ӏезарахьахо волчу Этанан хьехаме назма.
2 Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла,
ас даим а назманаш бохур ю,
Хьан тешаме хиларх лаьцна
массо а тӀаьхьенашкахь Аса сайн багахула дӀахоуьйтур ду.
3 Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дӀахӀоттийна,
Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дӀахӀоттийра».
4 Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца,
Ас чӀагӀо йина Сайн ялхо волчу Даудана:
5- 88:5 Дауд 7:12-16; 1 Шерашкахь 17:11-14; Забур 131:11; Векалийн 2:30. „Абаденналц Аса хьан тӀаьхьенах стаг паччахь вина дӀахӀоттор а ву,
массо а тӀаьхьенашкахь хьан паччахьан гӀант Аса лоттуьйтур а ду“».
6 Веза Эла, Хьан тамашийначу хӀуманашна стигалша хастам бо,
Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо.
7 ХӀунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала?
Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала?
8 Делан дезачу маликийн гуламан декъашхой Цунах кхоьру,
массо а Цунна гонах болчарал Иза ларамах бузуьйтуш ву.
9 Ва массо а ницкъийн Веза Дела!
Мила ву Хьо санна ницкъ болуш, Веза Эла?
Хьан тешаме хилар Хьуна гонах ду.
10 Ахьа олалла до карзахбаьллачу хӀордана тӀехь:
цуьнан тулгӀенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо.
11 ХӀордан саьрмик РахӀаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа,
Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагӀий а дӀасабаржийна Ахьа.
12 Стигалш а, латта а Хьан ду.
Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дӀахӀоттийна ду.
13 Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина.
Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу.
14 Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс,
Хьан куьг ма онда ду,
Хьан аьтту куьг толаме ду!
15 Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гӀантана бух хилла дӀахӀоьттинарг.
Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш.
16 Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам.
Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла.
17 Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу,
Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу.
18 ХӀунда аьлча Хьо церан ницкъ а, сийлалла а ву,
Хьо дика хиларна, Ахь тхуна толамаш а ло.
19 Везачу Элера ду тхан турс,
Исраилан халкъан Везачуьнгара ву тхан паччахь.
20 Цкъа мацах, сурт хӀотточу хенахь,
Хьайна тешамечу нахе Ахь элира:
«Доьналла долчунна Ас гӀо дира,
нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
21- 88:21 а: Шамъал 13:14; Векалийн 13:22; б: Шамъал 16:12. Сан ялхо волу Дауд кара а вина, Ас цунах паччахь вира,
цунна тӀе Сайн деза даьтта а дуттуш, Аса иза къобалвира.
22 Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу,
Сан пхьаьрсо иза чӀагӀ а вийр ву.
23 МостагӀа цул тоьлур вац,
вочу наха цунна гӀело а йийр яц.
24 Ас цунна хьалха мостагӀий эшор бу,
иза цавезарш хӀаллак а бийр бу.
25 Сан тешам а, Сан безам а цуьнца хир бу,
Со цуьнца хиларна, цо толамаш бохур бу.
26 Ас цуьнан куьг хӀордана тӀе дуьллур ду,
хишна тӀехула цуьнан аьтту куьг а дӀадохуьйтур ду+ 88:26 *ХӀордана тӀе *– кхузахь: Дуьненаюккъера хӀорд. *Хишна тӀехула *кхузахь: Эпрат-хи.*.
27 Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву,
со кӀелхьарвоккхур волу тарх а ю“.
28- 88:28 Довзийтинарг 1:5. Ас цунах Сайн дуьххьарлера доьзалхо вийр ву,
иза дуьнен чохь болчу массо а паччахьел лекха а хир ву.
29 Цуьнца болу Сан безам абаденналц хир бу,
Ас цуьнца бина барт массо а ханна чӀагӀбийр бу.
30 Цуьнан тӀаьхье Ас гуттаренна а латтор ю,
стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гӀант а.
31 Нагахь цуьнан тӀаьхьено товрат-хьехам битахь,
я уьш Аса тӀедехкинаршца ца лелахь,
32 нагахь Сан парзаш цара дохадахь,
я Сан весеташ цара лар ца дахь,
33 цара лелийначу зуламна Ас гӀожаца таӀзар дийр ду,
цара летийначу къиношна еттарца Ас таӀзар дийр ду.
34 Ткъа Сайн цаьрга болу безам Ас царах боккхур бац,
Сайн царна леринчу тешаме хиларх Со дӀавоьрзур вац.
35 Цаьрца Айса бина барт Аса бохор бац,
Сайн багахула дӀааьлларг хуьйцур а дац.
36 Гуттаренна а цкъа Сайн возаллех Ас чӀагӀо йина:
Дауде Аса цкъа а харцдерг дуьйцур дац.
37 Цуьнан тӀаьхье массо а хенахь хир ю,
ткъа цуьнан тӀаьхьенан паччахьалла лаьттар ду,
стигалахь малх мел лепа.
38 Иза хир ю абаденналц дӀахӀоттийна болу а,
стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна».
39 Амма Хьан паччахь Ахь цавашарца дӀатеттина,
Айхьа къобалвинчунна Хьо оьгӀазвахана.
40 Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дӀавирзина,
цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа.
41 Цуьнан гӀалин массо а пенаш дохийна Ахьа,
цуьнан чӀагӀонаш, саьлнаш йина, дӀахӀиттийна Ахьа.
42 Массо а тӀехволучо цунна къола до,
шен лулахошна хьалха беламе хилла дӀахӀоьттина иза.
43 Цуьнан мостагӀашка Ахьа цунна тӀехь толам баккхийтина,
Ахь цуьнан мостагӀийн сакъерадалийтина.
44 Цуьнан туьран иралла Ахьа артйина,
цунна тӀамехь гӀо а ца дина.
45 Паччахьан сийлалла а цуьнгара схьаяьккхи Ахьа,
цуьнан паччахьан гӀант а лаьтта охьадожий Ахьа.
46 Цуьнан жималлин шераш дацди Ахьа,
цунна тӀе юьхьӀаьржо а йоссийти Ахь.
КӀелхьарваккхаран доӀа
47 Дукха лаьттар вуй те Хьо, Веза Эла, къайлаваьлла?
Дукха лаьттар юй те Хьан оьгӀазвахаран алу?
48 Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош.
Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш?
49 Вуй те хӀокху дахарехь валар ганза волу стаг,
я эхартан карара шен са кӀелхьардаьккхинарг?
50 Мичахь ду те, Хьалдолу Эла, Хьан безам гойтуш долу хьалхалера гӀуллакхаш?
Мичахь ду те тхоьца тешаме хиларца Ахь Даудана чӀагӀо йина гӀуллакхаш?
51 Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагӀаша бина дегабаам а,
сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а.
52 Хьан мостагӀий, Веза Эла, сох кхаьрдаш ма бу,
Ахьа къобалвинарг мел вахахь а, уьш цунах кхаьрдаш ма бу.
53 Декъала хуьлда Веза Эла абаденналц!
Амин, амин.
ДоьалгӀа тептар
(Забур 89–105)
89Делах а, адамах а лаьцна
1+ 89:1 *Корта 89 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *90.* Делан стеган Мусан доӀа.
2 Хьалдолу Эла! ТӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка
тхо Ӏаш йолу меттиг ю Хьо.
3 Лаьмнаш дуьнен чу довлале,
дуьненан латта Ахьа кхоллале,
азалера абаде кхаччалц
Хьо ву Дела.
4 Стагах юха а чан а йой,
Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!»
5- 89:5 2 Кипин 3:8. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду,
буьйсанна ларйина хан санна ду.
6 Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш.
Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду.
Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло,
ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало.
7 Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо,
Хьан дераллах тхо кхоьру.
8 Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь,
оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь.
9 Хьан оьгӀазалла тӀехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош.
Ӏаь санна, довш ду тхан шераш.
10 Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду,
мелла а ондачийн – дезткъа шо,
ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гӀайгӀанаш а йолуш ю.
Шераш сиха дӀа а довлий, тхо дӀадоьлху.
11 Хьанна хаьа, Хьан оьгӀазалла мел нуьцкъала ю,
Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза?
12 Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо,
тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама.
13 ТӀеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгӀазалла?
Къинхетам бехьа Хьайн лейх.
14 ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо,
тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.
15 Айхьа тхуна таӀзар динчу денойл а,
тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал
самукъадаларан хан лохьа тхуна.
16 Хьан лешна Хьан дика болх гойла,
церан берашна Хьан сийлалла лепийла.
17 Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна.
ГӀуллакхаш тӀехь тхан аьтто белахь,
тхан гӀуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь.
90Вай лардеш волу Дела
1+ 90:1 *Корта 90 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *91.* Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг
Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.
2 Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гӀап а, ха а ду,
сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»
3 Цо кӀелхьарвоккху хьо мостагӀчун гурах а,
лечу цамгарх а.
4 Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо.
Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.
5 Буьйсанна хуьлучу Ӏадорах а,
дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо,
6 боданехь лелачу уьнах а,
делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац.
7 Хьуна гонах эзар а,
аьтту агӀор итт эзар а вожа мега,
амма хьуна Ӏожалла тӀейогӀур яц.
8 Хьайн бӀаьргашца гур ду хьуна
зуламечу нахана таӀзар хуьлуш.
9 Везачу Элах хьайн гӀап йина ахь.
Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь.
10 Хьуна вон болх а хир бац,
цамгар хьан цӀенна улло а йогӀур яц.
11- 90:11 Маттай 4:6; Лака 4:10. Везачу Эло Шен маликашна тӀедуьллур ду
массо а хьан некъашкахь хьо ларвар.
12- 90:12 Маттай 4:6; Лака 4:11. Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо,
хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш.
13- 90:13 Лака 10:19. Лом а, лаьхьа а хьошур ду ахь,
лоьман кӀорни а, текхарг а эшор ду.
14 Везачу Эло олу: «Со везарна кӀелхьарвоккхур ву Ас иза,
Ӏалашвийр ву Со ларарна.
15 Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна.
ГӀайгӀанехь Со цуьнца ву.
Ас иза паргӀат а воккхур ву,
цуьнан сий а дийр ду.
16 Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду,
цунна кӀелхьарвалар а лур ду».
91Хасторан йиш
1+ 91:1 *Корта 91 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *92.* Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма.
2 Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар,
Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
3 Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца,
ткъа буьйсанна – Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,
4 итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а,
хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.
5 Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту,
Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.
6 Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла,
кӀорга ю Хьан ойланаш!
7 Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац,
сонтачун кхетам а ца кхочу,
8 Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а,
харцонаш лелочеран аьтто балахь а,
уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.
9 Ткъа Хьо, Веза Эла,
абаденналц массарна а тӀехь
олалла дийриг ма ву!
10 Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу,
вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.
11 Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина,
суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
12 Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.
Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.
13 Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу,
Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.
14 Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна,
вайн Делан керташкахь заза доккху цара.
15 Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу,
ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.
16 Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а,
сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.
92Везачу Элан паччахьалла дӀакхайкхор
1+ 92:1 *Корта 92 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *93.* Везачу Эло паччахьалла до.
Цунна тӀехь сийлаллин духар ду.
Веза Эла духар дуьйхина ву,
Цо ницкъан доьхка дихкина.
Дуьне онда лаьтташ а ду,
иза меттахдер а дац.
2 Хьан Ӏарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю.
Хьо азалера дуьйна а волуш ву.
3 Хин Ӏовраша, Веза Эла, хьалаойу,
хин Ӏовраша шайн аз хьалаойу,
хин Ӏовраша чӀогӀа гӀовгӀа йо.
4 Амма дукхачу Ӏоврийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу,
хӀордийн тулгӀенийн гӀовгӀанал чӀогӀа бу
лакхаллехь волчу Везачу Элан ницкъ.
5 Ахьа хӀиттийна бакъонаш тешаме ю.
Хьан цӀа дерриг а деношкахь,
Веза Эла, деза хиларца хаздина ду.
93Веза Эла массо а нехан кхелахо хилар
1+ 93:1 *Корта 93 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *94.* Веза Эла, Хьо – бекхам беш волу Эла ву,
лепаш дӀахӀоттахьа, бекхам беш волу Дела!
2 ГӀаттахьа, дуьненан Кхелахо,
курачарна бекхам бехьа.
3 Мел дахлур ду те Ӏесачеран сакъерадалар?
Мел дахлур ду те уьш баккхийбер?
4 Цара шайн кура хабарш дуьйцу.
Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.
5 Хьан халкъана, Веза Эла, гӀело йо цара,
Хьан долахь берш цара бацабо.
6 Цара бисина Ӏаш болу зударий боха а бо,
тӀебаьхкина нах а, бай а хӀаллак а до.
7 Цара боху: «Везачу Элана хӀара ца го,
Якъубан Дала хӀокхуьнан тидам ца бо».
8 Хьекъале дуьйлийша, нахана юкъара кхетам боцурш!
Маца кхетар ду теша шу, хьекъал доцурш?
9 Шуна лергаш Деллачунна дӀахезар дац ткъа?
Шуна бӀаьргаш Деллачунна дӀагур дац ткъа?
10 Халкъашна таӀзар Дечо шу нисдийр дац ткъа?
Адамаш Ӏамош Волчун хьекъал ца кхочу ткъа?
11- 93:11 1 Коринтхошка 3:20. Везачу Элана адаман ойланаш евза,
Цунна хууш ду и ойланаш эрна юйла.
12 Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг,
Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Ӏамош верг.
13 Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло,
Ӏесачарна каш аьхкина даллалц.
14 Везачу Эло Шен халкъ дӀатоттур дац,
Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.
15 Кхел ечу меттигашка нийсо юхайоьрзур ю,
ткъа догцӀена мел берш цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.
16 Мила ваьлла сан дуьхьа зуламечу нахана дуьхьал?
Мила хилла соьца харцонаш лелош болчарна дуьхьал?
17 Везачу Эло суна гӀо ца динехь,
кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара.
18 «Сан ког шерша», – аьлла, суна хетачу хенахь,
Хьан безамах, Веза Эла, суна гӀортор хилира.
19 Кийрахь со гӀайгӀане волчу хенахь,
Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра.
20 Хьоьца цхьаьнакхетар ма бац телхина кхелахой,
нахана бохам баккха Ӏедал дерзораш.
21 Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу,
цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо.
22 Амма Веза Эла сан гӀап хилла дӀахӀоьттина,
сан Дела суна къайлаваккхаран тарх хилла.
23 Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу,
цара динчу вонна Цо уьш хӀаллак а бийр бу.
Вайн Везачу Дала уьш хӀаллакбийр ма бу!
94Хастаман назма
1+ 94:1 *Корта 94 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *95.* Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай,
вайн кӀелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
2 Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай,
даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.
3 Веза Эла сийлахь Дела ву,
Массо а деланашна тӀехь сийлахь Паччахь ву Иза.
4 Лаьттан кӀоргалла а Цуьнан карахь ю,
лаьмнийн баххьаш а Цуьнан ду.
5 ХӀорд а Цуьнан бу, Цо иза кхоьллина дела,
ткъа декъа латта Цуьнан куьйгаша дина ду.
6 Дуьйло, Далла хьалха охьатаьӀар вай,
вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахӀуьттур вай.
7- 94:7-11 Ӏебархошка 3:7-11 94:7, 8 Ӏебархошка 3:15; 4:7. ХӀунда аьлча Иза вайн Дела ву,
Цо Ӏалашдеш долу халкъ ду вай,
Цуьнан куьйга кӀел долу жа ду.
Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,
8- 94:8, 9 Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13. «Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а,
зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
9 Шун дайша Со зийра цигахь,
Ас дина мел дерг шайна гиннашехь.
10 Шовзткъа шарахь цу тӀаьхьенна оьгӀазъоьхуш Ӏийра Со.
Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза,
Сан новкъа ца баха уьш“.
11- 94:11 а: Лелар 14:20-23; Карлабаьккхинарг 1:34-36; Ӏебархошка 4:3, 5; б: Карлабаьккхинарг 12:9, 10. Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,
синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
95Веза Эла уггар лекха паччахь хилар
(1 Шерашкахь 16:23-33)
1+ 95:1 *Корта 95 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *96.* Керла йиш лакха Везачу Элана,
дерриг а дуьнено лакха Цунна.
2 Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цӀарна!
Де дийне мел дели, Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
3 Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае,
массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.
4 Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.
Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
5 Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу,
ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
6 Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.
Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.
7- 95:7-9 Забур 28:1, 2. Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
8 Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!
9 Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.
Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
10 ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!
Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».
11 Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде!
ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!
12 Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.
Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила
13 Далла хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву,
дуьненна нийса кхел ярхьама.
Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю,
халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.
96Веза Эла уггар лекха паччахь хилар
1+ 96:1 *Корта 96 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *97.* Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла!
ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!
2 Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу.
Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу.
3 Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю,
ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий
оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу.
4 Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху.
Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду.
5 Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха,
дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.
6 Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо,
массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го.
7 ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш,
эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш.
Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш.
8 Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю,
ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю,
Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела.
9 Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву,
массо а деланел а кхоччуш лекха а ву.
10 Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг!
Цо Шен долахь болчеран синош лар а до,
Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху.
11 Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа,
догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу.
12 Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш,
Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна!
Цуьнан возалла дага а лоцуш,
хила Цунна хастамаш беш!
97Дала дуьненна тӀехь куьйгалла до
1+ 97:1 *Корта 97 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *98.* Назма.
Везачу Элана керла йиш лакхийша,
Цо тамашийна гӀуллакхаш дина дела.
Цуьнан аьтту куьйго а,
Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а
Цуьнга толам баккхийтина.
2 Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина,
Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.
3 Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а,
Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а.
Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина
вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.
4 Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне,
адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха!
5 Дечиг-пондар лакха Везачу Элана,
эшарийн аьзнашца а, дечиг-пондаршца а лакха Цунна.
6 Турбанаш а, маӀаш а лоькхуш, самукъадолуш хила
Паччахь волчу Везачу Элана хьалха.
7 Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а,
иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а.
8 Хиша шайн тӀараш а деттийла,
лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла,
9 Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла,
хӀунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогӀуш.
Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю,
халкъашна а догцӀеналлица кхел йийр ю.
98Веза Эла уггар лекха паччахь хилар
1+ 98:1 *Корта 98 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *99.*- 98:1 Арадаккхар 25:22. Везачу Эло паччахьалла до:
дегадойла халкъаш!
Иза каруб-маликашна тӀехула йолчу
Шен Ӏаршана тӀехь хиъна Ӏаш ву:
дегадойла латта!
2 Веза Эла Цийонехь сийлахь-воккха ву,
Иза дерриге а къаьмнел лекха а ву.
3 Цара хастам бойла Хьан цӀарна,
иза сийлахь а, ларам бузуьйтуш а ю,
Дела веза ма ву!
4 Паччахь нуьцкъала ву,
Иза нийса кхел езаш ву.
Ахь нийсо дӀахӀоттийна.
Якъубан тӀаьхьенан халкъана
Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна.
5 Вазвейша вайн Веза Дела,
Цуьнан когийн кӀелонна хьалха Ӏибадат дейша,
Дела веза ма ву!
6 Динан дайшна юкъахь Муса а, АхӀарон а вара,
ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь.
Цара Везачу Эле доӀанаш дора,
Цо царна дуьхьал жоп а лора.
7- 98:7 Арадаккхар 33:9. Мархин бӀогӀамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга.
Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора.
8 Тхан Веза Дела! Ахьа цаьрга ладугӀура.
Хьо церан къиношна гечдеш волу Дела хилира,
ткъа цара лелийначу вонашна Ахь бекхам бора.
9 Вазвейша вайн Веза Дела!
Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь,
хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.
99Хасторан назма
1+ 99:1 *Корта 99 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *100.* Баркаллин назма.
Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле!
2 Хазахетарца Ӏамал е Везачу Элана.
Цунна хьалха даккхийдеран эшаршца гӀо!
3 ДӀахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла.
Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду.
Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагӀий а ду.
4 Баркалла аларца довлалаш Цуьнан кевнна чу,
иштта Иза хаставарца Цуьнан керташка а.
Баркалла ала Цунна, декъалъе Цуьнан цӀе.
5- 99:5 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 105:1; 106:1; 117:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. ХӀунда аьлча Веза Эла дика ву,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу,
ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду
массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна.
100Паччахьан ваӀда
1+ 100:1 *Корта 100 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *101.* Даудан назма.
Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю,
Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.
2 Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан.
Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе?
ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.
3 Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац.
Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза.
И хӀуманаш суна тӀелетар дац.
4 Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю.
Вон хӀуманаш суна девзар дац.
5 Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш
ас дӀасовцор бу.
Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш
сайна уллохь хуьлуьйтур бац.
6 Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш,
уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама.
ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга –
цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.
7 Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац.
Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.
8 ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу
махкахь болу массо а Ӏесанаш.
Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу
берриш а харцонаш лелош берш.
101Баланехь волчун доӀа
1+ 101:1 *Корта 101 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *102.* Баланехь волчу стеган доӀа, иза дог доьхна волчу хенахь дина цо, Везачу Элана хьалха шен бала балхочу хенахь.
2 Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа,
сан орца даккхар Хьо волчу дӀакхочийла.
3 Соьга вон деанчу дийнахь
Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа.
Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа,
со Хьайга кхойкхучу дийнахь
суна сихонца жоп лохьа.
4 Сан денош, кӀур санна, къайладовлуш ду,
сан даьӀахкаш, кхерч санна, йогуш ю.
5 Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла,
со сайна кхача баа а вицло.
6 Сайгахь болу бала бахьана долуш
со азвелла дӀахӀоьттина.
7 Яьссачу арахь лела бухӀа санна, висина со,
саьлнаш юкъахь ехаш йолу бухӀа санна ву со.
8 Со вуьжуш а вац, суна наб а ца кхета,
тхов тӀехь Ӏаш долу ша дисна олхазар санна ву со.
9 МостагӀаша дийнахь сарралц суна кхиссарш йо,
со кхаьрдачара сох нахана неӀалташ боху.
10 Бепиг санна, чим боу аса,
ас молуш мел дерг сан бӀаьрхиша дурдина.
11 И дерриг а Хьо суна оьгӀазвахар бахьана долуш ду,
хӀунда аьлча Ахьа со хьала а айина, юха охьа а кхоьссина.
12 Сан денош къайладолу ӀиндагӀ санна ду,
со, буц санна, вакъавелла дӀаваьлла.
13 Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву,
Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
14 Хьо гӀоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу,
цуьнца дика хила еза зама тӀееана дела.
Билгалъяьккхина хан тӀе ма еана.
15 Хьан леш долчу тхуна
цунах дисна тӀулгаш а дукхадеза.
Цунах йисинчу саьлнийн ченах а
тхуна кхоам хета.
16 Къаьмнаш ларамах дузур ду Везачу Элана хьалха,
лаьттахь мел бехаш болчу паччахьаша Хьан сийлалла лорур ю.
17 Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттор ю,
ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхӀуттур ву.
18 ГӀийлачу адамийн доӀа Цунна дӀахезар ду,
Иза къора хир вац цара доьхучунна.
19 Цунах лаьцна тӀейогӀучу тӀаьхьенна дӀаяздина хуьлийла,
хӀинццалц кхоьллина доцучу халкъе Цунна хастамаш байтархьама.
20 Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера
Веза Эла охьа а хьаьжира,
стигалшкара дуьнене Цо бӀаьрг а туьйхира,
21 набахтехь болчеран узарш хазархьама а,
хӀаллакбан кхел йинарш паргӀатбахархьама а.
22 Иштта, Цийонехь Везачу Элан цӀе а йоккхур ю,
Ярушалаймехь Цунна хастам а бийр бу,
23 къаьмнаш а, пачхьалкхаш а схьагулъелча,
Везачу Элана Ӏибадат дархьама.
24 Къоналлехь Цо со гӀелвина,
сан денош а Цо дацдина.
25 ТӀаккха ас элира: «Сан Дела!
Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со.
Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш.
26- 101:26-28 Ӏебархошка 1:10-12. Ахь юьхьанца латта кхоьллина,
Хьайн куьйгашца стигалш йина.
27 Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву.
Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.
ТӀеюху хӀума санна, Ахь уьш хуьйцур ду,
тӀаккха уьш къайладохур ма ду.
28 Амма Хьо цкъа а хийцалур вац,
Хьан дахар чекх а дер дац.
29 Хьан леш долчу тхан бераш маьршачу меттехь дехар ду,
ткъа церан тӀаьхьенаш Хьуна хьалха Ӏаш хир ю».
102Делан безам
1+ 102:1 *Корта 102 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *103.* Даудан назма.
Декъалвойла сан сино Веза Эла!
Суна чохь мел долчу хӀумано а декъалйойла Цуьнан еза цӀе!
2 Сан сино Веза Эла декъалвойла!
Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла!
3 Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо.
Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо.
4 Со валарх а ларво Цо.
Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо.
5 Сан дахар диканах дузу Цо.
Къоначу аьрзунан санна, сан къоналла а карлайоккху Цо.
6 Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу,
ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза.
7 Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна.
Шен гӀуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана.
8- 102:8 Якъуба 5:11. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла.
Иза оьгӀаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу.
9 Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар.
Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.
10 Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггӀург.
Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.
11 ХӀунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул,
боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам.
12 Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна,
дӀакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх.
13 Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра,
Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах.
14 Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду,
хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла.
15 Адамийн денош а, тӀеяьлла йолу буц санна, доца ду.
Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а.
16 Ткъа чӀогӀа мох тӀехьаькхча, и зезаг хӀаллакьхуьлу,
и хилла меттиг а евзар яц цхьанна а.
17 Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам
Цунах кхоьручаьрга,
ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а,
Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а
массо а тӀаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.
19 Стигалшкахь дӀахӀоттийна Везачу Эло Шен олаллин гӀант.
Олалла до Цо доллучу хӀуманна а тӀехь.
20 Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша
декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтӀахь а хуьлуш.
21 Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу
стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.
22 Декъалвойла Веза Эла
Цуьнан доллучу гӀуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь!
Декъалвойла Веза Эла сан сино!
103Дуьне Кхоллархочунна хастам бар
1+ 103:1 *Корта 103 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *104.* Хастам бе, сан са, Везачу Элана!
Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву,
паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду.
2 Ахь оба санна, тӀеюхуш ерг серло ю,
четар санна дӀасаяржийна Ахьа стигал а.
3 Ахьа стигаларчу хишна тӀехула
Хьайна Ӏа меттиг йо.
Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо,
Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало.
4- 103:4 Ӏебархошка 1:7. Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо,
цӀеран алунех Хьайн ялхой бо.
5 Ахьа латта чӀоггӀачу бух тӀе хӀоттийна,
иза абаденналц меттах а дер дац.
6 Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина,
гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна.
7 Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла,
къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана.
8 Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь,
тогӀеш охьайовлучу хенахь,
уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дӀадахана.
9 Ахьа царна тӀехдевр доцу доза дӀахӀоттийна,
латта дӀахьулдан уьш юха ца дахийтархьама.
10 Ахьа тогӀешна чухула хин хьостанаш дӀадохуьйту,
и хиш лаьмнашна юккъехула дӀа а оьху.
11 Цара ерриг а акхарошна хи ло.
Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху.
12 Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до,
гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш.
13 Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Ӏабадо,
Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Ӏабадо.
14 Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту,
адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту.
Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо,
15 адаман дог самукъадаккха чагӀар а до,
цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до,
дог чӀагӀдеш долу бепиг а до.
16 Ӏаббалц тӀуналла ло Везачу Элан дитташна,
Цо Ша дӀадоьгӀна долу Ливанунан баган-дитташна.
17 Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша,
ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина.
18 Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина,
ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла.
19 Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина,
ткъа ша маца дӀабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина.
20 Ахьа бода дӀабаржабо, тӀаккха буьйса тӀекхочу.
И хан тӀекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой.
21 Лоьмаша, гӀигӀ деш, ижу йоьху,
Дала ло кхача шайна лоьхуш.
22 Малх схьакхетарца уьш дӀа а теба,
шайн Ӏуьргашкахь охьа а дуьйшу.
23 Ткъа адам шайн болх бан хьалагӀотту,
цо сарралц къа а хьоьгу.
24 Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг!
Массо а хӀума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа.
Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду.
25 Хьажахьа хӀорде, боккха а, шуьйра а болчу,
чохь дагар ца даллал дукха яккхий а, кегий а
садолу хӀуманех сийсаш болчу.
26- 103:26 Аюб 40:20; Забур 73:14; ЕшаӀ-ЯхӀу 27:1. Цунна тӀехула хӀордкеманаш лела,
цу чохь Левиятан ловзабуьйлу,
Ахьа кхоьллина хӀордан саьрмик.
27 Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь
шайна кхача баларе сатуьйсу.
28 Ахьа царна кхача белча, цара иза дӀаоьцу,
Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Ӏеба.
29 Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза,
шайн са Ахьа дӀадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дӀа а довлу.
30 Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу,
цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цӀиндо.
31 Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла,
воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух!
32 Иза дӀахьожжушехь, дуьне дегадо,
Иза дӀахьакхалушшехь, лаьмнех кӀур болу.
33 Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха,
иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.
34 Реза хуьлийла Иза ас дӀаолучу назманна,
со самукъадолуш хир ву Везачу Элах.
35 Дуьнен чуьра дӀабовлийла массо а къинош летийнарш,
Ӏеса адамаш а ма хуьлийла кхин.
Хастам бе, сан са, Везачу Элана!
Везачу Элана бу хастам!
104Дела а, Цуьнан къам а
(1 Шерашкахь 16:8-22)
1+ 104:1 *Корта 104 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *105.* Баркалла ала Везачу Элана!
Цуьнан цӀарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
2 Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
3 Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
4 Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
5 Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
6 ва Шен ялхо волчу ИбрахӀиман хӀу дерш,
Ша хаьржина волчу Якъубан тӀаьхьенах дерш.
7 Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
8 Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
9- 104:9 а: Доладалар 12:7; 17:8; б: Доладалар 26:3. ИбрахӀимца Цо бина болу барт,
Исхьакхана чӀагӀо йина долу ваӀда.
10- 104:10, 11 Доладалар 28:13. Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,
Исраилана+ 104:10 *Исраил *– и ву Якъуб.* – гуттаренна а болу барт санна.
11 Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
12 Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
13 Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
14- 104:14, 15 Доладалар 20:3-7. Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
15 «Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
16- 104:16 Доладалар 41:53-57. Дала мацалла хӀоттийра лаьтта тӀехь,
церан дисна напха а хӀаллакдира Цо.
17- 104:17 Доладалар 37:28; 45:5. Цо царна хьалхаваьлла стаг вахийтира –
лай вина воьхкина волу Юсуп.
18- 104:18, 19 Доладалар 39:20–40:23. Цуьнан когашна буржалш тоьхнера,
цуьнан вортана тӀехь аьчка гӀомат яра,
19 ша аьлла долу хиндерг хилла а далале.
Везачу Элан дашо иза зуьйш хиллера.
20- 104:20 Доладалар 41:14. Мисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп,
набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо.
21- 104:21 Доладалар 41:39-41. Цо шен цӀа чохь хьаькам вина дӀахӀоттийра иза,
шен мел долчу хьолана дола дан а,
22 иштта цуьнга элашна тӀехь олалла дайта а,
къаношна хьекъалалла далийта а.
23- 104:23 а: Доладалар 46:6; б: Доладалар 47:11. ТӀаккха Исраил+ 104:23 Исраил: – и ву Якъуб. Мисар-махка чу велира,
Якъуб Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь,
хийра стаг санна, ваха дӀавахара.
24- 104:24, 25 Арадаккхар 1:7-14. ЧӀогӀа дебийра Везачу Эло Шен къам,
церан мостагӀел а ницкъ болуш бира Цо уьш.
25 Цо мостагӀийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а,
Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.
26- 104:26 Арадаккхар 3:1–4:17. Цо Мисар-махка Шен ялхо волу Муса а,
Ша хаьржина волу АхӀарон а вахийтира.
27 Мисархошна хьалха цара кхочушйира
Дала царна аьлла йолу билгалонаш,
Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь
цара тамашийна гӀуллакхаш гайтира.
28- 104:28 Арадаккхар 10:21-23. Дала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта,
Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела+ 104:28 *Грекийн гочдар тӀехь: *Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Цуьнан дешнашна дуьхьал Муса а, АхӀарон а ца ваьлла дела.*.
29- 104:29 Арадаккхар 7:17-21. Церан хийх цӀий хилийтира Цо,
церан чӀерий хӀаллак а хуьлуьйтуш.
30- 104:30 Арадаккхар 8:1-6. Церан латта пхьидарчех хьаладуьзира,
церан паччахьан цӀенош чохь а яра уьш.
31- 104:31 а: Арадаккхар 8:20-24; б: Арадаккхар 8:16, 17. Иза вистхуьллушехь, жӀаьлийн мозий гучудевлира,
массо а махкахула чуьркаш а яьржира.
32- 104:32, 33 Арадаккхар 9:22-25. Церан догӀанех Цо къора хилийтира,
массо а лаьттахула ткъес тохийтира.
33 Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра,
шаьш долчохь мел долу дитт а хӀаллакдира.
34- 104:34, 35 Арадаккхар 10:12-15. Иза вистхуьллушехь, цӀоз даьржира,
барам боцуш дукха уьш хилира.
35 Церан лаьтта тӀера ерриг буц а,
кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.
36- 104:36 Арадаккхар 12:29. Цул тӀаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хӀаллаквира,
церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дӀабехира.
37- 104:37, 38 Арадаккхар 12:33-36. ТӀаккха Шен халкъ Мисар-махкара арадаьккхира Цо,
деших а, детих а йина хӀуманаш цара дӀаяьхьира,
Цуьнан долахь долчу тайпанех цхьанна а стеган ког а ца тасабелира.
38 Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ,
исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела.
39- 104:39 Арадаккхар 13:21, 22. Цо марха яржийра, Шен халкъ дӀахьулдархьама,
буса Цо цӀе хилийтира, царна серло ялархьама.
40- 104:40 Арадаккхар 16:2-15. Цара яа хӀума йийхира – Цо лекъаш делира царна,
стигаларчу ялтица уьш Ӏаббалц буза а бира.
41- 104:41 Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13. Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира,
татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дӀадахара.
42 Дала иза дира, хӀунда аьлча Цунна дагахь яра Ша йина еза чӀагӀо,
Шен ялхо волчу ИбрахӀимна Ша делла долу дош.
43 Цо Шен къам доккхадерца арадаьккхира,
цара самукъане маьхьарий а детташ,
Мисар-махкара Ша хаьржинарш Цо арабехира.
44- 104:44 ЮшаӀ 11:16-23. Цо кхечу къаьмнийн латтанаш царна дӀаделира,
кхечу наха къахьегнарг царна дӀакхачийтира,
45 Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а,
Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а.
Хастам бу Везачу Элана!
105Веза Эла Шен халкъаца дика хилар
1- 105:1 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 106:1; 117:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. + 105:1 *Корта 105 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *106.* Хастам бу Везачу Элана!
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
2 Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду?
Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?
3 Декъала ву бакъдерг лардеш верг,
массо а хенахь нийсо лелош верг.
4 Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза,
Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.
5 Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а,
Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а,
Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.
6 Тхайн дайша санна оха къинош летийна.
Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.
7- 105:7 Арадаккхар 14:10-12. Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь,
Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира,
Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш,
уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.
8 Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира,
царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.
9- 105:9-12 Арадаккхар 14:21-31. Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира.
Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.
10 Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира,
мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.
11 Хино къайлабехира церан мостагӀий,
царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.
12- 105:12 Арадаккхар 15:1-21. ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира,
Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.
13 Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира,
Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.
14- 105:14, 15 Лелар 11:4-34. Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира,
эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.
15 Цара дехнарг Цо царна дӀаделира,
амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.
16- 105:16-18 Лелар 16:1-35. Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира,
Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.
17 ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира,
Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.
18 Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира,
Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.
19- 105:19-23 Арадаккхар 32:1-14. Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира,
лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.
20 Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира
буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.
21 Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера,
Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,
22 Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а,
Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.
23 Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь,
Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира,
Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.
24- 105:24-26 Лелар 14:1-35. ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах,
Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.
25 Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш,
Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.
26 ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира,
уьш яьссачу аренгахь балийта а,
27- 105:27 Ӏамалъяр 26:33. церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо+ 105:27 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо. *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашна юкъахь йожийта.* а,
уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.
28- 105:28-31 Лелар 25:1-13. ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура,
шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.
29 Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара,
тӀаккха царна тӀе ун доьссира.
30 Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира,
тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.
31 Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина,
массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.
32- 105:32, 33 Лелар 20:2-13. Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира,
ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.
33 Цара Мусан синна халахетийтира,
ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.
34- 105:34-36 Куьйгалхой 2:1-3; 3:5, 6. Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера,
ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.
35 Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира,
царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.
36 Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара,
тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.
37- 105:37 ТӀаьххьарнаш 17:17. Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а
жинашна сагӀина дӀалора.
38- 105:38 Лелар 35:33. Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора,
шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий,
уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш.
Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.
39 Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш,
Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.
40- 105:40-46 Куьйгалхой 2:14-18. Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана,
дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.
41 ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира,
тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.
42 МостагӀаша гӀело йора царна,
церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.
43 Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш,
амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара,
уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.
44 Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан,
церан орца даккхар Шена дӀахезча.
45 Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара,
Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
46 ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга
Цо царах къинхетам бойтура.
47- 105:47, 48 1 Шерашкахь 16:35, 36. КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела,
схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара,
тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а,
Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
48 Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла
азалехь дуьйна абаденналц!
Массо а халкъо олийла: «Амин!»
Хастам бу Везачу Элана!
ПхоьалгӀа тептар
(Забур 107–150)
106Веза Эла дика хилар
1- 106:1 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 117:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. + 106:1 *Корта 106 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *107.* Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
2 Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара,
мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,
3 хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара –
малхбалехьара а, малхбузехьара а,
къилбаседехьара а, къилбехьара+ 106:3 *Схьахетарехь: *къилбехьара. *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *хӀордера.* а.
4 Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара,
шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.
5 Цара мацалла а, хьогалла а ловра,
церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.
6 Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
7 Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира,
шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
8 Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
9 Цо хьогуш верг Ӏаба а во,
меца верг диканца вуза а во.
10 Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара,
аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
11 хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера,
Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
12 Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра,
уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
13 Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
14 Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира,
церан буржалш доха а дина.
15 Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
16 ЦӀестан кевнаш Цо доха а до,
аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
17 Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш,
шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
18 Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера,
уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
19 Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.
20 Цо Шен дашца дарба а дира царна,
хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.
21 Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
22 Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла,
ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.
23 Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура,
уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.
24 Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш:
кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
25 Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду,
яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.
26 Хинкеманаш стигала хьала а дахара,
юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира.
Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.
27 Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш,
лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.
28 Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
29 Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра,
тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.
30 ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара,
ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.
31 Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
32 Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла,
къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.
33 Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо,
хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.
34 Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо,
цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.
35 Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо,
ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.
36 Цо цига баха меца нах а балабо,
ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.
37 Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь,
кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу,
цигара шортта ялта схьа а гулдо.
38 Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо,
церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.
39 ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а
бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.
40 ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту,
уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
41 Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху,
цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
42 Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу,
ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
43 Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла,
Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.
107МостагӀашна дуьхьал гӀо доьхуш долу доӀа
(Забур 56:8-12; 59:7-14)
1+ 107:1 *Корта 107 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *108.* Даудан назма.
2 Сан дог Хьох тешна ду, Дела,
ас Хьуна иллеш эр ду,
дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.
3 Самабала, мерз-пондар!
ГӀатта, Ӏад хьокху пондар!
Малх самабоккхур бу ас!
4 Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву,
Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
5 Стигала кхаччалц бу Хьан безам,
мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
6 Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7 Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа,
оха дина доӀа дӀа а хазахьа,
Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
8 Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш,
Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9 ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу,
Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю,
ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10 Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю.
Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас,
иза Сайн хилар дӀагайтархьама.
ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».
11 ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со?
Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
12 Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела?
Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
13 ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта,
хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
14 Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу,
тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.
108Вон тӀедеанчун латкъам
1+ 108:1 *Корта 108 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *109.* Эшарш локхучу тобанан хьаькаме: Даудан назма.
Ас хастамаш беш волу Дела,
вист ца хуьлуш ма Ӏахьара Хьо,
2 хӀунда аьлча харцболу, ямарта нах
соьга мотт бетташ, бистхуьлу,
цара сох лаьцна бакъ доцурш а дуьйцу.
3 Цабезаман дешнашца цара го бина суна,
цхьа а бахьана а доцуш, суна дуьхьалбевлла уьш.
4 Сан шайга болчу безамна дуьхьал
цара со харцахьа бехкево,
ткъа аса царна тӀера доӀанаш до.
5 Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху,
сан шайца долчу доттагӀаллина дуьхьал цабезам а боккху.
6 МостагӀчунна дуьхьалвала Ӏесаниг къобалвехьа,
цуьнан аьтту агӀор бехкевийриг дӀахӀоттавехьа.
7 Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла,
цуьнан доӀанаш а къилахь хетийла.
8- 108:8 Векалийн 1:20. Цуьнан дисина денош кӀезиг хуьлийла,
болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла.
9 Цуьнан бераш байлахь дуьсийла,
цуьнан зуда а йисина лоьлийла.
10 Цуьнан берех кхерсташ лела сагӀадоьхурш хуьлийла,
шайн йохийначу хӀусамашна арахь а болуш,
уьш кхача лоьхуш лоьлийла.
11 Цуьнан долахь мел долу хӀума
иза декхарийлахь волчо дӀалоцийла,
цуьнан бахам хийрачеран кара а гӀойла.
12 Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла,
цуьнан байлахь дисинчу берех
цхьаммо а къинхетам ма бойла.
13 Цуьнан тӀаьхье а хӀаллакьхуьлийла,
шолгӀачу тӀаьхьенахь хӀу хедийла цуьнан.
14 Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла,
цуьнан ненан къа цкъа а дӀа ма доккхийла.
15 Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла,
царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дӀабохийла.
16 Оцу стеган дагахь кхечуьнца дика хилар цкъа а ца хилла,
мелхо а, пекъаршна а, къечарна а, дог доьхначарна а
иза тӀаьхьаваьлла, уьш хӀаллакбархьама.
17 Цунна неӀалташ кхайкхо лаьара, цундела уьш цунна юхадоьрзийла,
цунна нах декъалбар ца дезара, цундела иза а декъал ма войла.
18 Цо и неӀалташ, бедар санна, кест-кестта тӀедухура,
хӀинца, хи санна, цуьнан кийра уьш кхочийла,
даьтта санна, цуьнан даьӀахкашка кхочийла.
19 Цу неӀалташа, обано санна, верриг а дӀахьулвойла,
уьш даим цо шена дӀадоьхку доьхка санна а хуьлийла.
20 И дерриг а Везачу Элан бекхам хилла дӀахӀуттийла
со бехкевечарна а, сох лаьцна вониг дуьйцучарна а!
21 Амма Хьо, сан Хьалдолу Эла,
Хьайн цӀеран дуьхьа соьца лелахьа,
Хьайн хедар боцу безам дика хиларна,
со кӀелхьарваккхахьа.
22 Со гӀело хьоьгург а, пекъар а ма ву,
сан кийрара дог а доьхна ду.
23 Къайладолуш долу ӀиндагӀ санна,
худавелла дӀаволуш ву со.
ЦӀоз санна, дӀачехош ву со.
24 Марха кхабарна сан голашкахь са а дац,
сан дегӀ гӀел а делла, со аз а велла.
25- 108:25 Маттай 27:39; Марк 15:29. Сох нах кхаьрдарг хилла,
сох шайн бӀаьрг кхетташехь,
цара кортош а лестадо.
26 ГӀо дехьа суна, сан Веза Дела,
Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина,
кӀелхьарваккхахьа со.
27 Сан мостагӀашна иза Хьан куьйго динийла дӀахоийла,
со кӀелхьарваьккхинарг Веза Эла волу Хьо хиллийла.
28 Цара неӀалташ кхайкхадахь а, Ахьа со декъалвийр ву,
уьш дуьхьалбовлахь а, шаьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу,
ткъа Хьан лай волу со воккхавеш хир ву.
29 Со бехке бийраш юьхьӀаьржонца кхолийла,
бедарш санна, цара эхь тӀедухийла.
30 Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу,
дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду.
31 ХӀунда аьлча Иза гӀийлачарна аьтту агӀор тӀехӀутту,
царна кхел йиначеран карара уьш кӀелхьарбахархьама.
109Дала къобалвина паччахь
1- 109:1 Маттай 22:44; Марк 12:36; Лака 20:42, 43; Векалийн 2:34, 35; 1 Коринтхошка 15:25; Эпасхошка 1:20-22; Ковлусихошка 3:1; Ӏебархошка 1:13; 8:1; 10:12, 13. + 109:1 *Корта 109 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *110.* Даудан назма.
Везачу Эло элира хьалдолчу эле:
«Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».
2 Паччахьан ницкъ болу гӀаж дӀакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара.
Олалла де ахьа хьайн мостагӀашна юкъахь.
3 Хьан ницкъ гучубаьллачу дийнахь
хьан халкъ ларамца хьуна тӀаьхьахӀуттур ду.
Хьуна тешаме болу къонахий базаллехь гучубоху.
Сатосуш дуьллу тхи санна, богӀу уьш хьуна тӀе.
4- 109:4 Ӏебархошка 5:6; 6:20; 7:17, 21. Везачу Эло чӀагӀо йина,
ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза:
«Гуттаренна а динан да ву Хьо
Малки-ЦӀадакъин даржехь».
5 Хьуна аьтту агӀор ву Веза Эла.
Ша оьгӀазваханчу дийнахь паччахьаш хӀаллакбийр бу Цо.
6 Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо.
Ткъа латта декъех дузур ду Цо.
Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.
7 Некъана йистехула догӀучу татол чуьра паччахьо хи мер ду.
ТӀаккха цо, ницкъ тӀе а беана, корта хьалаойур бу.
110Везачу Элан гӀуллакхийн абат
1+ 110:1 *Корта 110 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *111.* Везачу Элана бу хастам!
А са+ 110:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара,
баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.
2 В езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду!
ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.
3 Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду,
ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.
4 З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо.
И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
5 К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш.
Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.
6 М асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла,
ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.
7 О нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг.
Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.
8 Р ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна,
и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.
9 Т утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ,
хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт.
Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!
10- 110:10 Аюб 28:28; Кицанаш 1:7; 9:10. Ш аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза.
Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду.
Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.
111Веза Эла лоручун абат
1+ 111:1 *Корта 111 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *112.* Везачу Элана бу хастам!
А лсам+ 111:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг,
баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.
2 В уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь.
Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.
3 Д у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю,
ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.
4 З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а,
иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.
5 К омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду,
ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.
6 М еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а.
Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.
7 О рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац.
Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.
8 Р еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду,
са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.
9- 111:9 2 Коринтхошка 9:9. Т оам боллуш дӀало цо мискачу нахана,
ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо.
ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.
10 Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву,
шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву.
Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.
112Веза Эла дика хиларна болу хастам
1+ 112:1 *Корта 112 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *113.* Везачу Элана бу хастам!
Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе!
Везачу Элан цӀе аша хаста а е!
2 Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна
таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.
3 Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц
Везачу Элан цӀе хастаме хуьлийла.
4 Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву,
Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю.
5 Мила ву вайн Везачу Делах тера верг,
лакхаллашкахь Ӏаршана тӀехь Ӏаш волчу а,
6 стигалшка а, лаьтте а хьажархьама,
лохха охьатаьӀаш волчу а?
7 Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара,
мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара.
8 Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо,
шайн халкъах болчу элашна ховшабо.
9 Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь,
шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо.
Везачу Элана бу хастам!
113Мисар-махкара арадаларх йолу йиш
1- 113:1 Арадаккхар 12:51. + 113:1 *Корта 113:1-8 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *Корта 114.* Исраилхой Мисар-махкара арабевлча,
Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,
2 ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира,
Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.
3- 113:3 а: Арадаккхар 14:21; б: Якъуба 3:16. Иза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира,
Йордан-хи а юханехьа доладелира.
4 УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш,
гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.
5 ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда?
Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?
6 Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна,
ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?
7 Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха,
Якъубан Далла хьалха дегаде.
8- 113:8 Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13. Цо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо,
иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.
Цхьаъ бен Дела цахиларх лаьцна
9+ 113:9 *Корта 113:9-26 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *Корта 115.* Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш,
амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла,
Хьайн хедар боцу безам хилар а,
Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.
10 Кхечу къаьмнех болчара стенна боху:
«Мичахь ву церан Дела?»
11 Тхан Дела стигалахь ву,
Цо Шена луъург а до.
12- 113:12-16 Забур 134:15-18; Довзийтинарг 9:20. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу,
уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
13 Церан батош ю, амма цара къамел ца до,
церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
14 Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза.
Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.
15 Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло.
Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац.
Церан легашкара аз а ца долу.
16 Царах терра хир бу уьш беш берш а,
царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
17 Ва Исраилан халкъ,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
18 Ва АхӀаронан тӀаьхье,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
19 Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
20 Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду,
Цо вай декъалдийр ма ду:
Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду,
АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.
21- 113:21 Довзийтинарг 11:18; 19:5. Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу.
Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.
22 Везачу Эло шу дебадойла,
шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!
23 Декъалдойла шу Везачу Эло,
стигал а, латта а кхоьллинчо.
24 Стигал Везачу Элан долахь ю,
ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.
25 Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац,
Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.
26 Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу,
хӀинца дуьйна абаденналц.
Везачу Элана бу хастам!
114КӀелхьарваккхарна баркалла алар
1+ 114:1 *Корта 114 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *116:1-9.* Суна везаш ву Веза Эла,
Цунна сан аз дӀахазарна а,
сан орца даккхар дӀахазарна а.
2 Шен лергаш Цо соьгахьа схьадерзийна дела,
со дийна мел волчу хенахь, Цуьнга кхойкхуш хир ву.
3 Ӏожаллин машшех со тасавелла,
эхартан къемат суна уллодаьлла,
сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаӀийна.
4 ТӀаккха со Везачу Элан цӀе йоккхуш кхайкхира:
«Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са!» – аьлла.
5 Веза Эла дика а, нийса а ву,
вайн Дела къинхетаме ву.
6 ГӀо оьшуш берш Везачу Эло ларбо.
Со холчу хӀоьттича, Цо со кӀелхьарваьккхира.
7 Ва сан са, паргӀат хилахьа,
Везачу Эло хьуна дика дина дела.
8 Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина,
сан бӀаьргаш – бӀаьрхих,
сан когаш – ког тасабаларх.
9 Дийна болчеран хӀокху дуьнен чохь
Везачу Элана хьалха лелар ву со.
115Везачу Эло дина диканаш бахьана долуш Цунна делла дош
1- 115:1 2 Коринтхошка 4:13. + 115:1 *Корта 115 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *116:10-19.*Со тешара, Аса аьллехь а+ 115:1 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Со тешара, Аса аьллехь а. *Грекийн гочдар тӀехь: *Со тешаш хиларна, со вистхилира.*:
«Со чӀогӀа дог доьхна ву».
2 ТӀех сиха ас элира:
«Муьлхха а стаг харцлуьйш ву».
3 ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана
Цо суна мел динчу диканна дуьхьал?
4 Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш,
Ас чагӀаран кад хьалаойур бу,
доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву.
5 Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана
дерриг а Цуьнан халкъана хьалха.
6 Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха
Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар!
7 Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву,
со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву.
Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех.
8 Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду,
иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву.
9 Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а,
дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха,
10 Везачу Элан цӀийнан керташкахь,
хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала!
Везачу Элана бу хастам!
116Везачу Элана хастам бар
1- 116:1 Римхошка 15:11. + 116:1 *Корта 116 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *117.* Хаставе Веза Эла массо а халкъаша,
хастам бе Цунна массо а къаьмнаша!
2 Вайга болу Цуьнан безам боккха ма бу,
ткъа Веза Эла вайна даим а тешаме ву.
Везачу Элана бу хастам!+ 116:2 *Везачу Элана бу хастам *– Ӏебархойн маттахь ма-хиллара аьлча: *ХӀалалу-ЯхӀу.*
117Толам баккхарна дина баркаллин доӀа
1- 117:1 Арадаккхар 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. + 117:1 *Корта 117 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *118.* Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.
2 Исраилан халкъо хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
3 АхӀаронан тӀаьхьено хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
4 Цунна хьалха ларамах буьзначара хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
5 Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира,
Цо, дӀа а хезна, синпаргӀатоне со ваьккхира.
6- 117:6 Ӏебархошка 13:6. Веза Эла соьца ма ву,
со цхьана а хӀуманах кхоьрур вац.
ХӀун дийр дара суна стага?
7 Веза Эла соьца ву, Иза сан гӀоьнча ву:
со сан мостагӀашка толамца хьожур ву.
8 Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду,
адамех тешна хуьлучул.
9 Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду,
элех тешна хуьлучул.
10 Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера,
амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
11 Цара суна массо а маьӀӀера го бинера,
амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
12 Накхармозийн жӀугано санна, суна го бинера цара,
амма чах яьлла цӀе санна, уьш сихха дӀабайира.
Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
13 Со чӀоггӀа дӀатеттира, охьавожийта,
амма Везачу Эло суна гӀо дира.
14- 117:14 Арадаккхар 15:2; ЕшаӀ-ЯхӀу 12:2. Веза Эла сан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа ас йиш локху,
Цо со кӀелхьарваьккхина дела.
15 Делан нехан хӀусамашкахь хезаш ду
самукъане а, толаман а маьхьарий:
«Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!
16 Везачу Элан куьг лекха хьалаайина ду,
Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!»
17 Со лийр вац, амма вехар ву,
Везачу Элан гӀуллакхех лаьцна дуьйцур ду.
18 Луьра таӀзар дина суна Везачу Эло,
амма Ӏожалле Цо со дӀа ца кховдийна.
19 Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш!
Делан цӀийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу!
20 ХӀара ков Везачу Элан ков ду.
Цу чу Делан лаамехь берш гӀур бу.
21 Хастам бо ас Хьуна, Веза Эла,
со дӀа а хезна, Ахь со кӀелхьарваккхарна.
22- 117:22 Лака 20:17; Векалийн 4:11; 1 Кипин 2:7. - 117:22, 23 Маттай 21:42; Марк 12:10, 11. ГӀишло ечу пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь, коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
23 Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду.
24 ХӀара де – Везачу Эло кхочушбина болх бу.
Цунах даккхий а деш, самукъане хила вай!
25- 117:25 Маттай 21:9; Марк 11:9; Яхьъя 12:13. Ва Веза Эла, кӀелхьардахахьа тхо!
Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла!
26- 117:26 Маттай 21:9; 23:39; Марк 11:9; Лака 13:35; 19:38; Яхьъя 12:13. Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!
Везачу Элан цӀа чуьра оха шу декъалдо.
27 Веза Эла ву Дела,
Цо Шен серло тхуна тӀе хьажийна.
Гаьннаш куьйга а лаьцна, даздан дуьйлалойша,
сагӀа доккхучу кхерчана гонах халхарш дейша+ 117:27 *Ӏебархойн меттан тептар иштта а кхета мега: *Даздаран сагӀин дийнат дӀадехка тӀийрагашца сагӀа доккхучу кхерчан маӀашна уллохь.*.
28 Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна.
Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо.
29 Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.
118Делан дешан абат
Элп «а»
1+ 118:1 *Корта 118 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *119.* А дамаш+ 118:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча,
Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.
2 А дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча,
дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча.
3 А ла хӀума долу гӀуллакхаш цара ца до,
амма Цуьнан некъашца лела уьш.
4 А хьа омранаш тхуна тӀедехкина,
тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама.
5 А хь тӀедехкина парзаш лардарна
сан некъаш тӀехьажийна делахьара!
6 А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь,
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.
7 А са догцӀеналлица хастамаш бийр бу Хьуна,
Хьан нийса тӀедехкинарш а Ӏамош.
8 А са Хьан парзаш лардийр ду.
Кхоччуш дӀа ма тасахьа со!
Элп «б»
9 Б еш болу шен дахаран некъ
жимачу стага цӀена муха лелабо?
Хьан дош кхочушдарца цӀена лелабо.
10 Б оллучу ницкъаца, сайн доллучу даггара Хьо лоьху ас,
Хьан весеташ тӀера дӀа ма валийтахьа со.
11 Б акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса,
Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама.
12 Б акъволу Эла, декъала ву Хьо!
Хьайн парзаш суна хьехахьа.
13 Б агахула Ахь мел тӀедиллина хӀума
сайн балдашца Аса кхайкха а до.
14 Б оккхачу бахамах санна, со воккхавеш ву
Хьан бакъонийн некъаца леларх.
15 Б акъдолу Хьан омранийн ойла еш ву со,
Хьан некъашка а хьоьжуш ву со.
16 Б акъдолу Хьан дош суна диц ца ло,
мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь.
Элп «в»
17 В ехьа декъала Хьайн лай волу со,
Хьан дош а лардеш со вахийтархьама.
18 В ехьа со бӀаьрса долуш, Хьан товрата тӀера
тамашийна хӀуманаш суна гайтархьама.
19 В у со хьаша кху лаьттахь,
ма дахахьа сох къайла Хьайн весеташ.
20 В у сайн са тӀехдуьзна ерриг а хенахь
Хьан тӀедехкинаршна леринчу лаамех.
21 В у Хьо кура дегнаш долчарна тӀехдетташ.
Хьан весетех дӀабевллачарна тӀехь неӀалт ду.
22 В аккхахьа со сайна тӀерачу эхьах а, дегабаамах а,
ас Хьан бакъонаш кхочушйо дела.
23 В овшах а кхетта, суна дуьхьал элий барт беш белахь а,
Хьан лай волчу аса Хьан парзех лаьцна ойланаш йийр ю.
24 В у со сакъералуш Хьан бакъонех,
уьш суна хьехамчаш санна ма ю.
Элп «г»
25 Г Ӏел а велла, со ченахь Ӏуьллуш ву.
Денвехьа со Хьайн дашца.
26 Г учудехира ас сайн некъаш,
Хьуна ас бохург дӀа а хезира.
Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
27 Г айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьӀна,
тӀаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна.
28 Г ӀайгӀано дашош лаьтта сан са,
Хьайн дашца чӀагӀвехьа со.
29 Г енабаккхахьа суна харцонан некъ,
Хьайн диканца бовзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам.
30 Г онах сайна дӀахӀиттийна ас Хьан тӀедехкинарш,
Хьуна тешаме хиларан некъ а хаьржина ас.
31 Г Ӏадвахна со Хьан бакъонашна, Веза Эла.
Ма хӀоттавайтахьа со юьхьӀаьржачу.
32 Г Ӏадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула,
Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела.
Элп «д»
33 Д овзийтахьа суна, Веза Эла, Хьайн парзийн некъаш,
со массо а хенахь уьш лардеш лелар вара.
34 Д овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтӀахь хир вара.
Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара.
35 Д аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа,
хӀунда аьлча царах ас марзо оьцу.
36 Д ерзадехьа сан дог Хьайн бакъонашна тӀе,
сайна пайда болучунна тӀе дерзоран метта.
37 Д Ӏадерзадехьа сан бӀаьргаш
эрна хӀуманашка хьоьжучуьра.
Денвехьа со Хьайн некъа тӀехь.
38 Д ӀахӀоттадехьа Хьайн лай волчу суна Айхьа дина ваӀда,
Хьуна хьалха ларамах буьзначарна лерина ваӀда.
39 Д Ӏадаккхахьа суна кхераме хеташ долу со емалвар.
Делахь а Хьан тӀедехкинарш суна диканна ду.
40 Д езаш ма ду суна Хьан омранаш.
Хьайн нийсонца денвехьа со.
Элп «е»
41 Е рзайойла Ахьа суна тӀе Хьайн безаман марзо.
Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со – Ахьа чӀагӀо ма йина.
42 Е малвар сайна деш волчунна ас тӀаккха жоп лур ду,
хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
43 Е рриг а йиш Хьох лаьцна бакъдерг дийца дӀа ма яккхахьа,
хӀунда аьлча Ахьа ечу кхелашка со хьоьжуш ву.
44 Е рриге а хенахь, абаденналц
ларбийр бу ас Хьан товрат-хьехам.
45 Е ллачу паргӀатонца лелар ву со,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира.
46 Е ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас
паччахьашна хьалха, ийза а ца луш.
47 Е рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна,
Хьан весетех сакъералуш ма ву со.
48 Е рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тӀеерзор ю аса,
сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тӀекхийдор ду аса.
Элп «з»
49 З ерца Айхьа делла дош дагадаийтахьа,
хӀунда аьлча цуьнга со сатуьйсуш ву.
50 З аза доккхуш санна, Хьан чӀагӀоно со денвар –
иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а.
51 З ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу,
амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тӀера ца волу.
52 З аманашкара дуьйна долу Хьан тӀедехкинарш, Веза Эла,
дага а доуьйтуш, царах аса сайн дагна синтем бо.
53 З уз дарца дегӀе эргӀадволу со, хӀунда аьлча
Ӏесанаш Хьан товрат-хьехамна тӀера бовлу.
54 З овкх хьоьгуш ву со кху дуьнен тӀехь йолчу хенахь,
Хьан парзех лаьцна эшарш а лоькхуш.
55 З ама буьйсане йирзича,
Хьан цӀе дагайогӀура суна, Веза Эла,
ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу.
56 З ама дӀа мел яларх, со иштта веха:
Хьан омранашна со муьтӀахь ма ву.
Элп «и»
57 И сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла.
Аса чӀагӀо йина Хьан дешнаш лардан.
58 И штта, сайн даггара доӀанаш дира аса:
Хьайн ваӀданца къинхетам бехьа сох.
59 И сайн лелар Хьан бакъонашна тӀе дерзадо ас,
сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина.
60 И Хьан весеташ лардархьама,
тӀаьхьа ца тоттуш аса сихо йо.
61 И штта ца бицбо ас Хьан товрат-хьехам,
Ӏесачеран машшаш суна гонах делахь а.
62 И нзаре нийса долу Хьан тӀедехкинарш бахьана долуш
Хьуна хастамаш бан хьалагӀотту со буьйсанна юккъехь.
63 И штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а,
Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагӀа ву со.
64 И дуьне Хьан безамах дуьзна ду, Веза Эла.
Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
Элп «к»
65 Кх оьллина Ахь дика, Веза Эла,
Хьан лай волчунна Хьайн дашца.
66 К х ин а чӀогӀа Ӏамавехьа со
дика къасто а, хьекъале хила а,
хӀунда аьлча со Хьан весетех теша.
67 К ъ иза бала айса хьегале,
дикка хьалха, со тилавелла вара,
ткъа хӀинца Хьан дош лардо аса.
68 К омаьрша а, диканиг дийриг а ву Хьо!
Ӏамабехьа суна Хьайн хьехамаш.
69 К ура дегнаш долчара суна дуьхьал харцдерг кхуллу,
амма Аса сайн доллучу дагца Хьан омранаш лардийр ду.
70 К урачийн дегнаш дерстина, мохь санна,
ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу.
71 К ъ аьхьа бала хьегар дика дара суна,
цу бахьанина суна Хьан парзаш Ӏемина дела.
72 К х оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам,
деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал.
Элп «л»
73 Л еррина кхолла а кхоьллина, дӀахӀоттийна со Хьан куьйгаша.
Кхетавехьа со – тӀаккха Ӏемар ву со Хьан весеташ лардан.
74 Л арамах Хьуна хьалха буьзнарш со гарх баккхийбийр бу,
хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
75 Л еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла,
Хьо суна тешаме хиларна, таӀзар а дина Ахьа суна.
76 Л аьа суна Хьан безамах сайна синтем хуьлийла,
Хьан лай волчу суна Ахь чӀагӀо ма йина.
77 Л аьа суна Хьан къинхетамалла суна тӀехь хуьлийла,
тӀаккха дика вехар ву со, Хьан товрат-хьехамах ас зовкх хьоьгу дела.
78 Л аьа суна кура дегнаш дерш
юьхьӀаьржачу хӀуьттийла, хӀунда аьлча
бехк боцуш суна гӀело йо цара.
Со-м Хьан омранийн ойла еш ву.
79 Л аьа суна, Хьуна хьалха ларамах буьзнарш
сайгахьа берзар – Хьан бакъонех кхеташ берш.
80 Л аьа суна сан дог цӀена хуьлийла Хьан парзашна гергахь,
Хьуна гергахь юьхьӀаьржачу ца хӀоттархьама.
Элп «м»
81 М а дешна дӀадаьлла сан са,
Ахь со кӀелхьарваккхаре сатийсарна.
Хьан даше сатуьйсу ас.
82 М а дешна дӀадевлла сан бӀаьргаш, Хьан чӀагӀоне сатийсарна.
Ас боху: «Маца бийр бу Ахьа сан синна хьаам?»
83 М а хилла со тишбелла пӀаьлдиг санна,
амма Хьан парзаш суна диц ца делла.
84 М ел ду те Хьан лай волу со Ӏан дезаш долу денош?
Маца йийр ю те Ахьа кхел суна гӀело ечарна?
85 М а дукха оьрнаш даьхна суна кура болчу а,
Хьан товрат-хьехаме ла ца дугӀучу а наха.
86 М а тешаме ду Хьан дерриге а парзаш.
Харцонца ма тӀаьхьабевлла суна, гӀо дехьа суна!
87 М аьӀӀаргона со лаьттара дӀавойура цара,
амма ас Хьан омранаш ца дитира.
88 М еттавалавай, денвехьа со Хьайн безамца,
Ахьа елла бакъонаш соьга ларъяйтархьама.
Элп «н»
89 Н ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла,
стигалшкахь иза чӀагӀдина лаьтташ ду.
90 Н ехан массо а тӀаьхьенашкахула Хьо тешаме ву.
Ахьа дӀахӀоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду.
91 Н исдина лаьтташ ду дерриге а и хӀуманаш тахханалц а Хьан тӀедехкинаршца,
хӀунда аьлча дерриг а хӀума Хьуна гӀуллакх деш ду.
92 Н ицкъболчу Хьан товрат-хьехамах аса зовкх ца хьегнехьара,
баланаш хьегарна, со хӀаллакьхилла хир вара.
93 Н ийсса цкъа а дицдийр дац ас Хьан омранаш,
хӀунда аьлча цаьргахула Ахь со ден ма вина.
94 Н ицкъ ма-кхоччу ас Хьан омранаш лехна дела,
со кӀелхьарваккхахьа, со Хьан ву.
95 Н овкъахь Ӏесачара суна кӀело йо, со вен дагахь,
ткъа аса Хьан бакъонех лаьцна ойланаш йийр ю.
96 Н ийсса доза гинера суна мел айпе доцучун,
амма Хьан весеташ доза доцуш даккхий ду.
Элп «о»
97 О ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна!
Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со.
98 О цу сан мостагӀел хьекъале вина со Хьан весето,
иза массо а хенахь соьца цхьаьна долу дела.
99 О ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со,
хӀунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со.
100 О нда кхетам болчу къанойл а хӀума хууш ву со,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лардо.
101 О цу муьлххачу а зуламечу некъах ларбо
аса сайн когаш, Хьан дош лардархьама.
102 О цу Ахьа тӀедиллинчух а ца къехка со,
хӀунда аьлча Ахь-айхьа со Ӏамаво.
103 О ццул мерза ду-кх сан къамкъаргана Хьан дешнаш!
Сан бетана мазал а мерза ду уьш.
104 О цу Хьан омранашкахула кхетам белла суна,
цундела суна ца беза муьлхха а болу харцнекъ.
Элп «п»
105 П айден Хьан дош чиркх санна ду суна,
сан тачанехь иза суна серло ю.
106 П айденна долу Хьан нийса тӀедехкинарш
лардан ас, дуй а бууш, чӀагӀо ма йинера.
107 П екъаро санна ас дуккха а гӀело хьегна.
Веза Эла, Хьайн дашца дахар лохьа суна.
108 П аргӀат долчу сан синца сан багара долу сагӀа дӀаэцахьа,
Веза Эла, Хьайн тӀедехкинчарах кхета Ӏамавехьа со.
109 П аргӀат долчу сан дахарна гуттар кхерам а лаьтташ,
амма Хьан товрат-хьехам ас биц ца бо.
110 П аргӀат со ца хилийтархьама, Ӏесачара суна гур боьгӀна,
амма со Хьан омранашна тӀера ца ваьлла.
111 П айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш,
массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю.
112 П усар дарца сайн дог ас тӀе-ма-дерзийнера
чаккхенга кхаччалц Хьан парзаш лардан.
Элп «р»
113 Р еза вац со кхоччуш тешам боцучарна,
ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
114 Р езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше.
Хьо – сан дӀалечкъийла а, сан турс а ду.
115 Р езахиларца сайн Делан весеташ лардойла аса.
ДӀадовла суна уллора, вониг лелош дерш!
116 Р ицкъа хилийтахьа сан Хьайн чӀагӀонца, тӀаккха со вехар ву.
Сан сатийсамехь со юьхьӀаьржачу ма хӀоттавехьа.
117 Р еза суна Хьо хиларо со кӀелхьарвоккхур вара.
Массо а ханна Хьан парзийн Аса тидам бийр бара.
118 Р еза боцуш Хьан парзашна дуьхьалбевлла
лелаш берш массо а Ахь дӀатотту,
хӀунда аьлча церан мекарлонаш эрна ю.
119 Р огӀ-роггӀана лаьттара Ӏесанаш, хатт санна, Ахь дӀабоху,
цундела езаелла суна Хьан бакъонаш.
120 Р аж йоцуш дегош ду сан дегӀ Хьох кхерарна.
Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша.
Элп «с»
121 С о бакъдерг а, нийсо а лелош Ӏийра,
ма вахийтахьа со сан мостагӀийн кара.
122 С уна диканна, Хьан лай волчу соьгахьа гӀо а даккхий,
ларвехьа со, курачаьрга гӀелонаш ца йойтуш.
123 С ан бӀаьргаш гӀелделла ду, Ахь кӀелхьарваккхаре хьежарна.
Нийсонца Ахь йина чӀагӀо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со.
124 С о лелавехьа, Хьайн безаме хьаьжжина,
со Хьайн парзех а кхетавехьа.
125 С о Хьан лай ву, Ӏамавехьа со,
тӀаккха кхетар ву со Хьан бакъонех.
126 С ийсаз а бохуш, Хьан товрат-хьехам талхорна,
Ахь кхел ян езаш йолу хан тӀекхаьчна, Веза Эла.
127 С уна Хьан весаташ дешил дезаш ду,
ур-атталла цӀеначу дешил сов деза.
128 С айна Ахь тӀе мел дехкина омранаш нийса хеташ ас тӀеоьцу,
муьлхха а харцонца болу некъ суна чӀогӀа ца беза.
Элп «т»
129 Т Ӏех инзаре ю Хьан бакъонаш,
цундела царна муьтӀахь ву со.
130 Т Ӏех серло ло Хьан дешнийн дӀаделларо,
муьлхха а хууш воцург кхета а во цо.
131 Т Ӏех дукха Хьан весеташка сатийсарна
гӀаттийначу баганца аса синош доху.
132 Т ам а бехьа суна, къинхетам а бехьа сох,
Хьан цӀе езачарах Айхьа ма-барра.
133 Т ӀечӀагӀбехьа сан когаш Хьайн дашца,
зуламечу хӀумане со кӀел ма витийтахьа.
134 Т Ӏех адамаша ницкъ барх кӀелхьарваккхахьа со,
Хьан омранашна со муьтӀахь хилийтархьама.
135 Т ешамца Хьан юьхь тӀера серло суна лепаехьа,
Хьан парзех со иштта кхетавехьа.
136 Т Ӏех халахетарна сан бӀаьргех хиш оьху,
Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела.
Элп «у»
137 У ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву,
ткъа Хьан тӀедехкинарш бакъ ма ду.
138 У ггаре нийса а, тешаме а ю
Ахьа тӀе мел ехкина бакъонаш.
139 У ллогӀерта цӀе санна, оьгӀазло суна чохь йогуш ю,
хӀунда аьлча сан мостагӀаша дицдо Хьан дешнаш.
140 У ггар зийна ю Ахь йина чӀагӀонаш,
Хьан лай волчу суна уьш езаелла.
141 У ггаре кӀезиг а, нахана дола хеташ а со воллушехь,
аса Хьан омранех цхьа а диц ца до.
142 У ггар дукха ханна Хьан нийсо лаьтташ ю,
ткъа Хьан товрат-хьехам билггал а тешаме бу.
143 У ггар хала бала а, гӀайгӀа а тӀееана суна,
амма Хьан весеташ – суна сакъерадалар ду.
144 У ггар а нийса ю Хьан бакъонаш абаденналц.
Хьехар дехьа суна, тӀаккха со вехар ву.
Элп «х»
145 Х ь оьга, Веза Эла, кхойкху со сайн доллучу даггара.
Со дӀахазахьа, ас Ӏалашдийр дара Хьан парзаш.
146 Х ь оьга со кхойкхуш ву. КӀелхьарваккхахьа со,
ткъа Хьан бакъонаш аса Ӏалашйийр яра.
147 Х ь оьга гӀо доьхуш сахиллалц Ӏа со,
Хьан дашах дегайовхо а ю сан.
148 Х ь ан чӀагӀонех лаьцна ойланаш ярхьама,
аса буса сахиллалц бӀаьргаш дӀа ца къовлу.
149 Х ь айн хедар боцучу безаме хьаьжжина, сан озе тидам бехьа,
Веза Эла, Хьайн нийсоне хьаьжжина, сан дахар Ӏалашдехьа!
150 Х Ӏилла лело дагатеснарш тӀегӀоьртина суна,
уьш Хьан товрат-хьехамна генахь бу.
151 Х ь о уллохь ву суна, Веза Эла,
Хьан дерриг а весеташ нийса ду.
152 Х ь ан бакъонех лаьцна дикка хан ю суна хиъна,
уьш Ахьа массо а ханна дӀахӀиттинийла а хаьа суна.
Элп «ч»
153 Ч ӀогӀачу баланехь со хиларе а хьажий, кӀелхьарваккхахьа со,
хӀунда аьлча ас биц ца бо Хьан товрат-хьехам.
154 Ч ӀагӀо Айхьа ма-ярра, со кӀелхьарваккхахьа.
Сан къовсам къаста а беш, со паргӀат а ваккхахьа.
155 Ч ӀогӀа генахь бу Ӏесанаш кӀелхьарбахарх,
царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна.
156 Ч ӀогӀа къинхетаме ву Хьо, Веза Эла.
Хьайн кхел ярца денвехьа со.
157 Ч ӀогӀа дукха бу суна тӀаьхьабевлларш а, мостагӀий а,
амма Хьан бакъонашна со генаваьлла вац.
158 Ч ӀогӀа дог делира сан Хьуна тешаме боцурш ган,
хӀунда аьлча Хьан дош ца лардо цара.
159 Ч ӀогӀа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа,
Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со.
160 Ч ӀогӀа тешаме бу Хьан дешан бух,
массо а Хьан нийса тӀедехкинарш абаденналц ду.
Элп «ш»
161 Ш аьш бакъ боццушехь, суна тӀаьхьабевлла куьйгалхой,
амма сан дог, ларамах а дуьзна, Хьан дош бахьана долуш дегадо.
162 Ш ена йоккха са яьлларг санна,
воккхавеш ву со Хьан чӀагӀонах.
163 Ш еко а йоцуш, ца деза суна харцдерг,
ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
164 Ш аерг нийса йолу Хьан кхелаш бахьанехь,
дийнахь ворхӀазза хастам бо ас Хьуна.
165 Ш ортта синпаргӀато ю Хьан товрат-хьехам безачийн,
ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хӀумма а дац.
166 Ш еко йоцуш, Ахь кӀелхьарваккхаре дегайовхо ю сан,
Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас.
167 Ш атайпа Хьан бакъонаш сан сино ларйо,
уьш суна Ӏаламат дукха а еза.
168 Ш адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна,
Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас.
Элп «Ӏ»
169 Ӏ азап чуьра ас доккху орца
дӀакхочийла Хьоьга, Веза Эла.
Хьайн дашца кхетам лохьа суна.
170 Ӏ ийжаме сан доӀанаш Хьоьга дӀакхочийла.
Хьайн чӀагӀонца со кӀелхьарваккхахьа.
171 Ӏ анор бу сан багано Хьуна хастамаш,
Ахь Хьайн весетех со кхетаво дела
172 Ӏ абарца сан матто дӀакхайкхадойла Хьан дош,
хӀунда аьлча массо а Хьан весеташ нийса ду.
173 Ӏ аламат тешаме долу Хьан куьг суна гӀоьнна хуьлийла,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш кхочушдан хаьржина.
174 Ӏ ебийла Ахь кӀелхьарваккхарх болу сан хьагам,
Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву.
175 Ӏ ойла сан са Хьуна хастамаш а беш,
Ахьа тӀедехкинарш суна гӀортор санна хуьлийла.
176 Ӏ ахар тила ма-баллара, тилавелла со.
Хьайн ялхо волу со лехахьа, хӀунда аьлча
Хьан весеташ суна диц ца делла.
119ГӀо дар доьхуш долу доӀа
1+ 119:1 *Корта 119 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *120.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Сайна бохам баьллачу дийнахь
Везачу Эле орца даьккхира аса,
ткъа Цунна со дӀа а хезира.
2 Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са
харцлуьйш болчу нехан маттах,
эладита лелочеран харцонах.
3 Ва харцонца ледеш дерш!
Дала шуна хӀун дийр ду те?
Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?
4 ТӀемалочун ирачу пхарца а,
жӀоламах богуш болчу кӀегаца а
Цо таӀзар дийр ду шуна.
5 Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна,
иштта къедархой+ 119:5 *Машахахой... къедархой *– Машахара а, Къедарара а нах диндоцу акха нах санна лоруш бара.* санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.
6 ТӀехдукха ваьхна со
машар ца безачарна юкъахь.
7 Со машаре стаг ву,
амма со вистхуьллушехь,
уьш тӀамана кийча хуьлу.
120Веза Эла тхо лардеш верг ву
1+ 120:1 *Корта 120 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *121.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо,
сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.
2 ГӀо Везачу Элера хир ду суна,
стигал а, латта а кхоьллина волчу.
3 Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо,
сема а хир ву хьо ларвеш Верг.
4 Сема а ву, вижина а вац
Исраилан халкъ лардеш Верг.
5 Веза Эла хьо ларвеш Верг ву.
Веза Эла хьан аьтту куьг долчу
агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.
6 Я дийнахь кхеттачу малхо а,
я буса кхеттачу батто а
хьуна цатам бийр бац.
7 Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо,
хьан са лардийр ду Везачу Эло.
8 Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а
Везачу Эло ларвийр ву хьо
хӀинца дуьйна абаденналц.
121Ярушалайм хастаяр
1+ 121:1 *Корта 121 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *122.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма.
Воккхавеш вара со, сайга аьлча:
«Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».
2 Хьан кевнашкахула а бевлла,
тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
3 Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна,
чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.
4 Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш
хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю.
Исраилан халкъана бакъо елла ю
Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.
5 Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду,
Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.
6 Деле бехийша Ярушалаймана машар:
«Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!
7 Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь,
сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»
8 Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа
ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»
9 Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа
хьуна диканиг хуьлийла доьху ас.
122Къинхетам бар доьхуш дина доӀа
1+ 122:1 *Корта 122 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *123.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг,
стигалшкара паччахьалла деш Верг!
2 Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара,
зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара,
вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай,
Цо вайх къинхетам баллалц.
3 Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа,
хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха.
4 Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а,
куралла ечара тхо аьшнаш дар а.
123Дела Шен халкъехьа ГӀодоккхург ву
1+ 123:1 *Корта 123 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *124.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма.
Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь,
2 мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь,
хӀун хилла хир дара те вайх?
3 Шаьш дарбеллачу хенахь
мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх.
4 Дистина тӀедогӀучу хино санна,
бухадохуьйтур дара-кх цара вай.
5 Карзахдаьлла долчу хино санна,
бухадохуьйтур дара-кх цара вай».
6 Декъала ву вай мостагӀашка
хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла!
7 РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна,
кӀелхьардевлла вайн синош.
И речӀа хада а еш,
вай дӀасадевдда.
8 Везачу Элера ду вайна гӀо –
Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву.
124Делан халкъ маьршонехь хилар
1+ 124:1 *Корта 124 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *125.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву.
Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.
2 Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра,
Веза Эла Шен халкъана гонах ву,
хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.
3 Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь
куьйгалла дар даим дуьсур дац,
суьпачу нахе шайн куьйгаш
зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.
4 Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна –
цӀена дегнаш долуш болчарна.
5 Амма харц новкъа бевллачарна –
Везачу Эло таӀзар дойла
харцонаш лелочаьрца цхьаьна.
Исраилна тӀехь машар хуьлийла!
125КӀелхьардовларх лаьцна доӀа
1+ 125:1 *Корта 125 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *126.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча,
тхо гӀенах лелаш санна дара.
2 Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара,
тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара.
Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара:
«Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»
3 Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина,
цундела тхо сакъералуш дара.
4 КхидӀа а юхаметтахӀиттадехьа тхо, Веза Эла,
якъаеллачу аренгахь Ӏовраш хецар санна.
5 БӀаьрхишца латта дӀадийначо
самукъадаларца ялта хьокхур ду.
6 Белхарца хӀу эцна кха тӀе воьдуш верг
самукъадаларца шен цӀевнаш дахьаш юхавоьрзур ву.
126Декъала ду Делан дика
1+ 126:1 *Корта 126 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *127.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма.
Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь,
иза дечара эрна къахьоьгу,
нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь,
гӀаролан сема хилар эрна ду.
2 Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а,
хан яллалц Ӏар а,
хьацарца даьккхина бепиг даар а.
И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь+ 126:2 *И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, и вижина Ӏуьллушехь *– Грекийн маттера гочдар: *цу хенахь Шена везачунна Везачу Эло наб ло.*.
3 Бераш Везачу Элан тӀаьхье ю,
уьш Цо делла совгӀат ду.
4 ТӀемалочун карахь долу пхерчий санна бу
ден къоначу хенахь бина болу кӀентий.
5 Ирс долуш ву цаьрца шен Ӏад-ботт хьалаюьзнарг!
Иза юьхьӀаьржачу хӀуттур вац кевнехь ша мостагӀашца къамел дечу хенахь.
127Везачу Элах кхоьручарна хуьлу ял
1+ 127:1 *Корта 127 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *128.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш,
Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!
2 Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза,
ирс долуш а, беркате а хир ву иза.
3 ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю,
стом луш йолу кемсийн таьлланг санна.
Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна,
цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.
4 Иштта декъал хир ву
Везачу Элах кхоьруш волу стаг!
5 Цийон-лам тӀера+ 127:5 *Цийон-лам *– иза шена тӀехь Ярушалайм-гӀала дӀахӀоттийна болу жуьгтийн сийлахь-беза лам бу.* Везачу Эло декъалвойла иза.
Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна
массо а цуьнан дахаран деношкахь.
6 Шен берийн бераш а гойла цунна.
Машар лаьттийла Исраил-махкахь!
128Исраилхойн мостагӀашна дуьхьал долу доӀа
1+ 128:1 *Корта 128 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *129.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
«Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, –
дӀаолийла Исраилан халкъо. –
2 Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со,
амма суна тӀехь толам ца баьккхина.
3 Сан букъа тӀехь охана дина,
ахархоша деха хершнаш даьхна.
4 Амма Веза Эла нийсо лелориг ву:
Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».
5 Эхь а хетта, юхабовлийла
Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу
Делан цӀа ца дезаш болу берриш а!
6 Схьаяккхале якъалуш йолу
тхов тӀера буц санна хуьлда уьш.
7 Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац,
ткъа цӀов боьхкуш волчо – шен кана.
8 Уллохула тӀехбовлучара эр дац:
«Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла!
Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!»
129ГӀо дар доьху доӀа
1+ 129:1 *Корта 129 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *130.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла.
2 Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз.
Суна къинхетам баран дехаре
ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш.
3 Нагахь Ахь, Веза Эла,
къинош дӀаяздеш хилча,
ва Хьалдолу Эла,
мила латталур ву те?
4 Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела,
Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта.
5 Везачу Эле хьоьжуш ву со
сан са Цуьнга хьоьжуш ду.
Цуьнан дашах тешна ву со.
6 Сан са Везачу Эле хьоьжу,
ха деш берш Ӏуьйрене хьоьжучул сов,
уьш Ӏуьйре тӀекхачаре хьоьжучул сов.
7 Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо,
хӀунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу,
Иза массо а хенахь нах паргӀатбаха лууш ву.
8- 129:8 Маттай 1:21; Тите 2:14. Массо а ша летийначу къинойх
Исраилан халкъ Цо паргӀатдоккхур ма ду.
130Тешаран доӀа
1+ 130:1 *Корта 130 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *131.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма.
Веза Эла! Куралла яц сан даг чохь,
дегаллица сан бӀаьргаш ца хьоьжу.
Ас гӀайгӀа ца бо сийлахьчу хӀуманийн а,
со кхетачу тӀех халачу хӀуманийн а.
2 Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина,
ненан некхах дӀадаьккхина бер санна.
Суна чохь долу са хӀинца синтеме ду,
ненан некхах дӀадаьккхина бер санна.
3 Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо
хӀинца дуьйна тӀейогӀу йолчу массо а хенахь.
131Делан цӀийнан сийдар
1+ 131:1 *Корта 131 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *132.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма.
Дагаваийтахьа, Веза Эла,
Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,
2 цо Везачу Элана чӀагӀо яр а,
Якъубан Нуьцкъалчунна ваӀда дар а:
3 «Сайн цӀийнан тхевнна кӀел гӀур вац со,
со Ӏуьллучу метта хьалавер вац со,
4 сайн бӀаьргашка наб йойтур яц ас,
сайн бӀаьргийн негӀарш а тӀеттӀа дохуьйтур дац,
5 Везачу Элана меттиг суна караяллалц,
Якъубан Нуьцкъалчунна хӀусам хиллалц».
6- 131:6-10 2 Шерашкахь 6:41, 42. Эпратехь тхо хиллачу хенахь
Делан тӀорказ мичахь ду тхуна хезна,
ЯӀаран аренашкахь тхуна карийна иза.
7 Цуьнан хӀусаме а дахана,
Цуьнан когийн кӀелонна
хьалха суждане гӀур ду вай.
8 Веза Эла, Хьо Ӏаш волчу метте дӀахӀоттахьа,
Хьо а, Хьан олаллин тӀорказ а.
9 Хьан динан дай нийсо тӀеюьйхина хуьлийла.
Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла.
10 Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь
Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа.
11- 131:11 Дауд 7:12-16; 1 Шерашкахь 17:11-14; Забур 88:4, 5; Векалийн 2:30. Везачу Эло чӀагӀо йина Даудана,
Ша юхавер воцу ваӀда дина Цо:
«Хьан тӀаьхьенах волчу стагана лур ю Аса
ахь динчу тайпана паччахьалла дар.
12 Нагахь хьан кӀенташа Сан барт а,
Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь,
церан кӀенташа а гуттар а
ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
13 ХӀунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина,
цунах Шен хӀусам ян лиъна Цунна.
14 «Иза гуттаренна а Со Ӏийр волу меттиг ю,
кхузара Аса паччахьалла дийр ду,
хӀунда аьлча и меттиг Суна езна.
15 Цуьнан сурсаташ Ас чӀогӀа декъалдийр ду,
цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу.
16 Цуьнан динан дайшна кӀелхьардовлар тӀедухур ду Ас.
Цигара болу Далла тешаменаш хазахетарца баккхийбийр бу.
17- 131:17 Сулим 11:36. Цигахь Даудан цӀа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду,
Айса къобалвинчунна стогар дӀахӀоттор бу.
18 Цуьнан мостагӀий Аса юьхьӀаьржачу хӀиттор бу,
ткъа цуьнан коьрта тӀехь цуьнан таж лепар ду».
132Барт болу дахар
1+ 132:1 *Корта 132 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *133.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма.
Мел дика а, тамехь а ду
динан вежаршна бертахь цхьаьна баха!
2 Коьрта тӀе а доьттина, АхӀаронан можа тӀехула,
цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза.
3 Цийон-лаьмнаш тӀе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза.
Цигахь делла халкъана Везачу Эло
Шен декъалдар: хедар доцу дахар.
133Везачу Элана хастам баре кхайкхар
1+ 133:1 *Корта 133 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *134.* Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма.
Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой,
буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.
2 Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай,
Везачу Элана хастамаш бейша.
3 Стигалш а, латта а кхоьллинчу Везачу Эло
Цийон-лам тӀера хьо декъалвойла!
134Хастаман назма
1+ 134:1 *Корта 134 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *135.* Везачу Элана бу хастам!
Хастаейша Везачу Элан цӀе,
хастаейша иза, Везачу Элан ялхой,
2 Везачу Элан цӀенна уллохь гӀуллакх деш болу,
вайн Делан цӀийнан керташкахь лаьтташ болу.
3 Хаставейша Веза Эла, хӀунда аьлча Веза Эла дика ву.
Цуьнан цӀарна эшарш лакхийша, хӀунда аьлча иза дагна тамехь ду.
4 Везачу Эло Шена Якъубан тӀаьхье хаьржина,
Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина.
5 Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла,
вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла.
6 Везачу Эло Шена луъург до
стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а,
хӀордашкахь а, массо а хин кӀоргенашкахь а.
7 Цо дуьненан йистошкара мархаш гӀиттайо,
догӀа догӀуш стелахаьштигаш тухуьйту,
Шен хӀума дӀаюьллучу меттера мох арабоккху.
8 Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хӀаллакдина Цо –
хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий а, хьалха хилла дийнаташ а.
9 Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо
тамашийна билгалонаш а гайтина,
инзаре хӀуманаш пирӀунна а,
массо а цунна уллорачарна а тӀехецна.
10 Цо дуккха а къаьмнаш эшийна,
андий паччахьаш хӀаллакбина:
11 эмархойн паччахь Сихьон а,
Башанан паччахь ӀовгӀа а,
канаӀанхойн массо а паччахьаш а.
12 Церан латта Шен халкъана, исраилхошна,
тӀаьхьалонна дӀаделла Цо.
13 Веза Эла, Хьан цӀе гуттаренна ю.
Веза Эла, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
14 ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду,
Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу.
15- 134:15-18 Забур 113:12-16; Довзийтинарг 9:20. Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу,
уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
16 Церан батош ю, амма цара къамел ца до,
церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
17 Церан лергаш ду, амма царна ца хеза,
хӀо дац церан батошкахь.
18 Царах терра хир бу уьш беш берш а,
царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
19 Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла.
АхӀаронан тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
20 Левин тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш!
Хаставе Веза Эла.
21 Цийон-лома тӀера хаставе Веза Эла,
Ярушалаймехь Ӏаш волу Веза Эла!
Везачу Элана бу хастам!
135Баркаллин назма
1- 135:1 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 117:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. + 135:1 *Корта 135 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *136.* Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна.
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
2 Баркалла ала деланийн Далла –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
3 Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
4 Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
5- 135:5 Доладалар 1:1. Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
6- 135:6 Доладалар 1:2. Баркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
7- 135:7-9 Доладалар 1:16. Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна:
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)
8 царах малх дийнан Ӏуналла а деш,
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)
9 бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
10- 135:10 Арадаккхар 12:29. Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
11- 135:11 Арадаккхар 12:51. Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу)
12 нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
13- 135:13-15 Арадаккхар 14:21-29. Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
14 Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
15 Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
16 Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
17 Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
18 Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна:
– Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
19- 135:19 Лелар 21:21-30. Эмархойн паччахь Сихьон а, –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
20- 135:20 Лелар 21:31-35. Башанан паччахь ӀовгӀа а –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
21 Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
22 Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
23 Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
24 Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
25 Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
26 Баркалла ала стигалийн Далла –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
136Йийсарехь болчу исраилхойн белхар
1+ 136:1 *Корта 136 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *137.* Бавелан хишна юххе тхо ховшура,
цигахь тхо делха а доьлхура,
Цийонна хилларг дага а лоьцуш.
2 Тхайн дечиг-пондарш
дак-дитта тӀе хьалаоьхкина оха.
3 Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура,
тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура:
«Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»
4 Хийрачу махкахь а долуш,
оха муха локхур ю
Везачу Элан эшар?
5 Нагахь суна хьо йицлахь, Ярушалайм,
сан аьтту куьйгана муха лакха еза дицлойла.
6 Сан мотт багарчу стигалх дӀалетийла,
нагахь суна хьо дагахь ца хилахь,
нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хӀоттаяхь.
7 Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша
Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг.
Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар:
«Йохае и гӀала! Йохае иза буха тӀе кхаччалц!»
8- 136:8 Довзийтинарг 18:6. Бавелан йоӀ, хӀаллакьян ва леринарг!
Ирсе ву ахьа тхуна динчунна
хьуна бекхам эцнарг!
9 Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна,
тӀулгех детташ, хӀаллакдинарг!
137Далла хастам беш дина доӀа
1+ 137:1 *Корта 137 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *138.* Даудан назма.
Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна!
Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна!
2 Хьан деза цӀа долчухьа охьатаьӀа со!
Хьан хедар боцучу безаман дуьхьа а,
Хьо тешаме хиларан дуьхьа а
хастам бо ас Хьуна,
хӀунда аьлча адамаша Хьан йоккхучу муьлххачу цӀарал а,
лакхадаьккхина Ахь Хьайн дешан сий.
3 Аса Хьайга кхойкхучу дийнахь жоп делира Ахь,
ницкъ а белла, сан са чӀагӀдира Ахь.
4 Хьан багара долу дешнаш дӀахезча, Веза Эла,
Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша.
5 Хьан некъашна, Веза Эла, иллеш эр ду цара,
хӀунда аьлча доккха ду Хьан сийлалла.
6 Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла,
лахахь верг а го Хьуна.
Кура верг а геннара вевза Хьуна.
7 Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со.
Сан мостагӀийн дераллина Хьайн куьг а тӀехьур ду Ахь.
Хьан аьтту куьйго кӀелхьар а воккхур ву со.
8 Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг,
Хьан безаман доза ма дац.
Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла!
138Делан дуьззина долу хаарш а, Цо бо тергам а
1+ 138:1 *Корта 138 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *139.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Веза Эла! Ахь со зе а зийна,
Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.
2 Со маца охьахоу а, со маца хьалагӀотту а хаьа Хьуна.
Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.
3 Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна.
Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.
4 Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале,
ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.
5 Хьалхахь а, тӀехьахь а, суна массо а агӀор а ву Хьо,
Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тӀехь даим.
6 Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг.
И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.
7 Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со?
Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?
8 Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву.
Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву.
9 Нагахь Ӏуьйренан зӀаьнарийн тӀемаш тӀехь со хьалаваьлча а,
я, хӀордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,
10 цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со,
Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.
11 Нагахь: «Бодано хьулвойла со»,
я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а,
12 Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох.
Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.
13 ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду.
Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.
14 Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна.
Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду.
Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.
15 Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар,
со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.
16 Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале.
Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду
Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош,
уьш цхьа а дола а далале.
17 Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш,
мел дукха а ю-кха уьш!
18 Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду.
Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.
19 Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хӀаллакбахьара!
ЦӀий Ӏанор дезаш дерш, суна уллора шу дӀадовла!
20 Сийсаза хабарш дуьйцу цара Хьуна дуьхьал.
Хьан мостагӀаша Хьуна дуьхьал эрна хӀуманаш дуьйцу.
21 Веза Эла, Хьоьца мостагӀалла дерш ца безаш хир вац ткъа со?
Хьуна дуьхьал болчех дог дер дац ткъа сан?
22 Боккха цабезам бу сан цаьрга.
Уьш мостагӀий а бу сан.
23 Таллахьа Ахь со, Дела, сан дог а довзахьа.
Зехьа Ахь со, Дела, сан ойланаш а йовзахьа.
24 Со харц некъа тӀе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа.
Хедар боцучу дахаран некъа тӀе Ахьа со ваккхахьа.
139Ӏесачу нахах лардарх долу дехар
1+ 139:1 *Корта 139 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *140.* Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2 Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах,
ницкъ бечу адамех ларвехьа со.
3 Шайн дегнашкахь уьш вон ойланаш еш бу,
дерриг а дийнахь уьш девнаш дохуш бу.
4- 139:4 Римхошка 3:13. Лаьхьанан мотт санна, ирбо цара шайн мотт.
Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
5 Ларвехьа со, Веза Эла, Ӏесачу нехан куьйгах.
Сан когаш тасабалийта гӀерташ болчу
ницкъ бечарах Ӏалашвехьа со.
6 Курачара суна гураш а, речӀанаш а хӀиттийна,
новкъа тӀе бой а тесна цара,
со лаца хӀуманаш охьаехкина.
7 Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву!
Веза Эла, дӀахазахьа сан доӀанаш!»
8 Ва сан Хьалдолу Эла, сан кӀелхьарваларан ницкъ,
тӀом бечу дийнахь сан корта Ахь Ӏалаш ма бина!
9 Веза Эла, Ӏесачунна луург ма хилийтахьа,
цуьнан вон ойланаш кхочуш ма хилийтахьа,
уьш кура ца бовлийтархьама.
10 Суна гонах болчеран коьрта тӀе дужийла
церан багара долуш долу вониг.
11 Догуш долу кӀегий оьгийла царна тӀе,
цӀерга кхуьссийла уьш,
кӀоргачу Ӏин чу оьгийла уьш,
кхин хьала а ца бовлуш.
12 Вон мотт берш махкахь чӀагӀбина ма хуьлийла.
Ницкъ берш, бохам а бина, хӀаллакбина хуьлийла.
13 Суна хаьа, Везачу Эло гӀело хьоьгучеран
къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла.
14 Хьан лаамехь болчара Хьан цӀе хастор ю,
цӀена берш Хьуна хьалха бехаш хир бу.
140Суьйренан доӀа
1+ 140:1 *Корта 140 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *141.* Даудан назма.
Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача,
ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа.
2- 140:2 Довзийтинарг 5:8. Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла,
куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла.
3 Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа,
сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа.
4 Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу,
харцонаш лелочу адамашца цхьаьна
зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со.
Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со.
5 Дикачу стага суна таӀзар дойла – иза безам хиларца ду.
Цо со нисвойла – сан коьртана долу даьтта иза ду.
Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла!
Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду.
6 Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь,
нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла.
7 Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна,
вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю,
эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш.
8 Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш.
Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са!
9 Суна йоьгӀначу речӀанех а,
харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со.
10 Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла,
ткъа со маьрша дехьаволийла.
141ГӀо дехарх долу доӀа
1+ 141:1 *Корта 141 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *142.* Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа.
Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со,
аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас.
2 Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо,
Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.
3 Сан са кхачочу хенахь
Хьуна сан некъ бевза.
Со лелачу новкъахь
мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера.
4 Со аьтту агӀор хьожу,
амма массара а со цаларар го суна.
Сан тӀетевжийла дӀаяьлла,
сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.
5 Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла,
ас элира: «Сан чӀагӀонан меттиг а,
дийначийн лаьтта тӀера сан дакъа а Хьо ду».
6 ДӀахазахьа сан тийжам,
гӀора кхачийна-кх сан.
Сайн мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со,
сол нуьцкъала бу-кх уьш.
7 Боданера сан са арадаккхахьа,
Хьайн цӀе соьга язъяйта.
Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу,
Ахь Хьайн дика болх суна бина дела.
142ГӀо доьхуш долу доӀа
1+ 142:1 *Корта 142 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *143.* Даудан назма.
Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа!
Хьо тешаме хиларна ладогӀахьа сан дехаре!
Ахь нийсо лелорна жоп лохьа суна!
2- 142:2 Римхошка 3:20; Галатахошка 2:16. Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хӀунда аьлча
дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.
3 МостагӀа ву суна тӀаьхьаваьлла,
цо лаьттаца дӀашарвина со.
Боданехь Ӏойту цо со,
дуккха а хьалха белларш санна.
4 Суна чохь долу са эшна ду,
сан дог шелделла ду.
5 Суна дагадогӀу дӀаихна денош,
Хьан массо а гӀуллакхех ойла йо ас,
Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
6 Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас,
хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
7 Жоп лохьа суна хӀинцца, Веза Эла!
Сан са кхачош ду.
Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа,
коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
8 Ӏуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна,
хӀунда аьлча Хьох тешна Ӏаш ву со.
Со дӀаваха веза некъ гайтахьа суна,
хӀунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду.
9 Веза Эла, сан мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со!
Хьоьга лар ма войту аса со.
10 Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Ӏамавехьа со.
Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тӀехула вуьгийла со.
11 Хьайн цӀеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа.
Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са.
12 Хьайн соьга болчу хедар боцучу безамца
сан мостагӀий хӀаллакбехьа,
сан синна ницкъ бийраш дакъазабахахьа,
хӀунда аьлча со – Хьан ялхо ву.
143Паччахьан доӀа
1+ 143:1 *Корта 143 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *144.* Даудан назма.
Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю.
Цо тӀамана кечвина со,
сан куьйгаш лата Ӏамийна.
2 Суна тешаме Верг, сан ГӀап,
сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург,
сан турс – сан Цунах дегайовхо ю.
Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ.
3- 143:3 Аюб 7:17, 18; Забур 8:5. Веза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан,
адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа?
4 Адам хьоькхучу махах тера ду,
цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду.
5 Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа.
Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу.
6 Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа,
Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш.
7 Лакхара Хьайн куьг а кховдадай,
буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кӀелхьарваккхахьа со.
8 Церан баганаша даьссаниг дуьйцу,
стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.
9 Дела! Итт мерз болчу пондар тӀехь
керла йиш локхур ю ас Хьуна,
10 паччахьашна толам лучу Хьуна,
Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна.
11 Хийрачу махкара болчу нехан карара кӀелхьарваккхахьа со.
Церан баганаша даьссаниг дуьйцу,
стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.
12 Ондачу диттех тера хуьлда вайн кӀентий,
паччахьан цӀа чохь кечдинчу бӀогӀамех тера хуьлда вайн мехкарий.
13 Ялта Ӏалашдеш йолу чоьнаш мел долчу беркатах юьзна хуьлда вайн,
дежийлашкахь эзарнаш уьстагӀий дебийла вайн.
14 Хьийкъина хуьлда вайн стерчий.
Тхуна тӀелатар ма хуьлда,
цхьа а йийсаре а ма вуьгийла.
Вайн урамашкахь белхар ма хуьлда.
15 Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ.
Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ.
144Хастаман абат
1+ 144:1 *Корта 144 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *145.* Даудан хастаман назма.
А с+ 144:1 *ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.* хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела.
Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.
2 Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш,
Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь.
3 В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву,
Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.
4 Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду,
цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.
5 Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах.
Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас.
6 Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха,
ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду.
7 З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю,
Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара.
8 И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла,
атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.
9 К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца.
Массаьрца а дика ву Иза.
10 Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла,
Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.
11 М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна,
Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара,
12 Н ахана массарна а Хьан ницкъ а,
Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта.
13 О лалла Хьан хедар доцу олалла ду,
Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар.
Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза.
14 С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло,
ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо.
15 Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу,
Ахь царна шен хеннахь кхача ло.
16 У ьш массо а вузаво Ахь,
Хьайн куьйгаш схьадиллича.
17 Х ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла,
массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву.
18 Ц Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна,
массарна уллохь ву Веза Эла.
19 Ч ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо,
церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху.
20 Ш а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло,
ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо.
21 Ӏ аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу.
ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь.
145Деле сатийсар
1+ 145:1 *Корта 145 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *146.* Хастам бу Везачу Элана!
Сан са, хаставе Веза Эла.
2 Со мел веха, Везачу Элана иллеш эр ду ас,
иштта сайн Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.
3 Элех теший ма Ӏелаш,
адамах бӀобулий ма хилалаш,
хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан.
4 Шена чуьра са дӀадаьлча, стаг лаьтте воьрзу.
Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дӀайовлу.
5 Ирс долуш ву шен гӀоьнча Якъубан Дела верг,
шен Везачу Делах бӀобулуш верг.
6- 145:6 Векалийн 4:24; 14:15. Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а,
хӀорд а, царна чохь мел дерг а.
Цо гуттар а ларбо тешам,
7 халахетар хиллачарна гӀо до,
мецачарна кхача ло.
Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху,
8 Везачу Эло бӀаьрзечарна са гойту,
Везачу Эло дахаран халонаша охьатаӀийнарш дӀанисбо,
Везачу Элана Делан лаамехь берш беза.
9 Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо,
буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до,
харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху.
10 Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву,
хьан Дела, ва Цийон, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь Паччахь хир ву.
Везачу Элана хастам бе.
146Делан возаллех лаьцна назма
1+ 146:1 *Корта 146 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *147:1-11.* Везачу Элана бу хастам!
ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар!
ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!
2 Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву,
махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.
3 Дог доьхначарна дарба деш ву Иза,
церан чевнаш йоьхкуш ву.
4 Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо,
царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.
5 Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла,
Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ,
барам бац Цуьнан хьекъалан.
6 Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло,
ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.
7 Баркаллица Везачу Элана назманаш ала.
Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.
8 Цо стигал мархашца дӀакъовлу,
лаьттана догӀа хуьлуьйту,
гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.
9 Цо бежанашна кхача латтабо,
уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.
10 Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло,
тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.
11 Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а,
Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу.
147Делан возалла хастор
1+ 147:1 *Корта 147 (Грекийн) *– Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *147:12-20.* Хаставе, Ярушалайм, Веза Эла,
хаставе, Цийон, хьайн Дела,
2 хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо,
хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо.
3 Хьан дозанашкахь машар а латтабо,
уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.
4 Шен омра лаьтта тӀе хьажадо Цо,
Цуьнан дош цига сиха доьду.
5 ЮргӀа санна, ло охьадуьллу Цо,
чим санна, йис дӀасакхуьссу.
6 ЖагӀа санна йолу къора туху Цо.
Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?
7 Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дӀадер ду.
Цо мох тоьхча, хиш дӀадуьйлалур ду.
8 Цо Шен дош Якъубан тӀаьхьенна довзийтина,
Шен парзаш а, тӀедехкинарш а – Исраилан халкъана.
9 И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина,
царна ца девза Цо тӀедехкинарш.
Хастам бу Везачу Элана!
148Дерриг дуьнено а Везачу Элана хастамаш бойла
1 Хастам бу Везачу Элана!
Хаставейша Веза Эла стигалшкара,
хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.
2 Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша,
хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро.
3 Хаставейша Иза малхо а, батто а,
хаставейша Иза дерриге а лепачу седарчаша а.
4 Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а,
иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.
5 Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча
Цо омра дира, ткъа уьш кхоллаелира.
6 Абаденналц уьш дӀахӀиттийна Цо.
Цкъа а дӀадовр доцу парз дина Цо.
7 Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала,
хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,
8 стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а,
Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,
9 лаьмнаша а, массо гунаша а,
массо стом луш долчу дитташа а,
дерриге баганан дитташа а,
10 акхароша а, муьлххачу даьхнино а,
лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,
11 лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а,
элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,
12 къонахоша а, йоӀарша а,
баккхийчара а, бераша а.
13 Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча
Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина,
Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.
14 Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира,
хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна –
Шена уллора халкъ долчу исраилхошна.
Хастам бу Везачу Элана!
149Хастам баран йиш
1 Хастам бу Везачу Элана!
Лакха Везачу Элана керла эшар,
хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.
2 Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла.
Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла.
3 Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш,
локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь.
4 ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу.
Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.
5 Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла,
шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла.
6 Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла,
ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла.
7 Кхечу халкъашна бекхам бархьама а,
къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза.
8 Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а,
царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза.
9 Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза.
Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду.
Хастам бу Везачу Элана!
150Хастамаш бе Везачу Элана
1 Хастам бу Везачу Элана!
Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла,
хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.
2 Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа,
хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.
3 Хастамаш бе Цунна турбин озаца,
хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.
4 Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а,
хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.
5 Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца,
хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.
6 Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано.
Хастам бу Везачу Элана!