Кицанаш

Дахарехь хьекъалалла хила дезарх лаьцна долу Сулим-паччахьо яздина тептар

Дешхьалхе

Кицанаш цӀе йолу тептар – иза оьздангаллин а, динан хьехамийн а гуламан тептар ду, шена чохь хьекъале дийцарш а, кицанаш а долу. Оцу хьехамийн доккхачу декъехь хӀора денна хуьлуш долчу хӀуманех лаьцна дуьйцуш ду. Юьхьанца ешархочунна хӀара дагадоуьйту: «Кхетам болуш хилархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза». Цул тӀаьхьа тептар тӀехь дуьйцу динан оьздангаллех а, адамашна юкъахь йолчу оьздангаллех а лаьцна. Исраилхойн хӀетахьлерчу хьехамчаша доццачу, дуккха а долчу кицанашкахь гойту, хьекъалечу стага цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа хӀун дан деза. Дуьйцуш ду доьзалийн юкъаметтигашца а, йохкаэцарца а йоьзна йолчу киртигех лаьцна. Цхьадолчу кицанаш тӀехь адамийн юкъаметтигашца йоьзна йолчу оьздангаллех лаьцна дуьйцу, ткъа вукхарна тӀехь – адамо ша-шен дола дан дезарх лаьцна. Царна тӀехь дукхазза хьехадо ишттачу амалех лаьцна: ша кӀезиг хетарх, собар хиларх, къенанаш ларарх, доттагӀашна тешаме хиларх.

1

Кицанийн мехалла

1- 1:1 Сулим 4:32. ХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду.

2 Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а. 3 Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама. 4 Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а. 5 Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла. 6 ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а.

Къоначарна бина хьехам

7- 1:7 Аюб 28:28; Забур 110:10; Кицанаш 9:10. Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. 8 ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта, 9 хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду.

10 Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло. 11 Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай. 12 Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш. 13 Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш. 14 Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай».

15 Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь, 16 хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу. 17 Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду – 18 амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара! 19 Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву.

КӀорггачу хьекъалаллин кхайкхар

20- 1:20, 21 Кицанаш 8:1-3. КӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу, 21 адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо:

22 «Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш? 23 ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду. 24 Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара. 25 Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира. 26 Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича – 27 шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича. 28 ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, 29 шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а, 30 иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш. 31 И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш. 32 Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна. 33 Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».

2

Хьекъалалло бахьа пайда

1 Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде. 2 Хьекъалалле ладогӀа, цунах кхета а хьажа. 3 ХӀума къасто хаар деха хьайна, гӀуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. 4 Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дӀалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тӀаьхьаваьлла лелахь, 5 Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хӀун ду хьуна хуур ду. 6 ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. 7 Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. 8 Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо.

9 ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу. 10 Хьан даг чу хьекъалалла а дуссур ду, хаарша хьан синна хазахетар а лур ду. 11 ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду, 12 вочу стеган зуламечу некъех а, иштта харцдерг дуьйцучу стагах а хьо ларвархьама. 13 И нах, нийса некъаш а дитина, боданечу некъаш тӀехь лелаш бу. 14 Уьш, вониг шаьш дечу хенахь, сакъералуш хуьлу, боьха лелар а цара тӀетадо. 15 Церан некъаш гома ду, церан лелар дегаза ду.

16 Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гӀерта. 17 Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза. 18 Цуьнан цӀа стаг Ӏожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тӀе кхачаво. 19 Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу. 20 Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха, 21 хӀунда аьлча догцӀена берш лаьтта тӀехь бехар бу, кхачаме берш цу тӀехь буьсур бу, 22 амма Ӏеса нах лаьтта тӀера дӀахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тӀера дӀабохур бу.

3

КӀенташна бина хьехам

1 Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде, 2 хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду. 3 Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде. 4- 3:4 Лака 2:52. ТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву.

5 Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила. 6 Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду. 7- 3:7 Римхошка 12:16. Хьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. 8 Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу. 9 Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан. 10 ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду.

11- 3:11 Аюб 5:17. - 3:11, 12 Ӏебархошка 12:5, 6. Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де, 12- 3:12 Довзийтинарг 3:19. хӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра. 13 Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг. 14 ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу. 15 Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац. 16 Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь – бахам а, сийлалла а ду. 17 Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду. 18 Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву.

19 Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна,

ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо.

20 Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна,

мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина.

21 Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта. 22 Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду. 23 ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац. 24 Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа. 25 Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча, 26 хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу.

27 Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь. 28 Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь. 29 Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь. 30 Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь. 31 Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа, 32 хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн. 33 Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо. 34- 3:34 Якъуба 4:6; 1 Кипин 5:5. Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо. 35 Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна – юьхьӀаьржо.

4

Хьекъалаллех болу пайда

1 ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама, 2 хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш. 3 Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь, 4 сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха. 5 Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала. 6 Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна. 7 Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь – хьекъал каро гӀорта. 8 Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду. 9 Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду».

10 ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду. 11 Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо. 12 ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац. 13 Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса – цаьрца ду хьан дахар. 14 Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло. 15 Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала. 16 Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц. 17 Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу.

18 Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ. 19 Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна.

20 Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа. 21 Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш, 22 хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду. 23 Уггар а коьртаниг – хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду. 24 Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта. 25 Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла. 26- 4:26 Ӏебархошка 12:13. Хьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду. 27 Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.

5

Нахаца леларх ларваларх лаьцна

1 Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме. 2 ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду. 3 Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу, 4 амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. 5 Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу. 6 Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до.

7 Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала. 8 Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта, 9 хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а. 10 Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду. 11 Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду – хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа. 12 ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура! 13 Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура. 14 Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!»

15 Хьайн гӀу чуьра мала хи – хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи. 16 Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те? 17 И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш. 18 Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа. 19 Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим. 20 Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара? 21 Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. 22 Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво. 23 Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.

6

Кхидолу лардарш

1 Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь, 2 ахьа хьайн дешнех хьайна гур боьгӀнехь, ахьа-айхьа аьллачо хьо дӀалаьцнехь, 3 хьо мукъавалархьама хӀара де, сан кӀант, хьайн уллорачун кара хьо вахана дела. Ваха а гӀой, хьо юьхьӀаьржачу хӀотта, айхьа дош делла волчу стаге дехар де, хьо цу дашах мукъаваккха алий. 4 Хьайн бӀаьргашка наб а ма яйта, цаьрга са а ма даӀийта. 5 Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дӀакъахка. РечӀанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кӀелхьарвала.

6 Зингат долчу гӀо, малонча, цо деш долчуьнга а хьажий, хьекъалалла долуш хила. 7 Цуьнан я хьаькам а вац, я хьалхаваьлла лелаш верг а вац, я олахо а вац, 8 амма аьхка цо шена рицкъа Ӏалашдо, ялта чудерзочу хенахь цо шена кхача гулбо. 9 Мел Ӏуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина? 10- 6:10, 11 Кицанаш 24:33, 34. «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». 11 Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.

12 Мекара хӀилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела. 13 Цо бӀаьргаш а теӀабо, хичаш а йо, куьйган эшарехь къамел а до, нах лебан гӀерташ. 14 Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош. 15 Амма цӀеххьана цунна тӀе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чӀогӀа кӀелвуьсур ву иза.

16 Везачу Элана ца дезаш ялх хӀума ду, аьлча а, ворхӀ ду Цунна дегаза хетарг:

17 кура бӀаьргаш а,

харцдерг дуьйцу мотт а,

бехк боцучун цӀий Ӏенош долу куьйгаш а,

18 шена чохь вон дагалецамаш болу дог а,

вочу хӀуманна тӀебовда кийча болу когаш а,

19 кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а,

вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а.

Кхечу стеган зудчуьнца леларх ларвалар

20 Сан кӀант! Хьайн ден весеташ ларде, ненан хьехамаш дӀа а ма татта. 21 Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде. 22 Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу. 23 Хьан ден-ненан весеташ – хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТӀехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо. 24 Церан хьехамаша хьо, нахаца лелаш йолу зуда йолчу воьдуш, сацаво, шен майра а витина, лелаш йолчу зудчун хазачу хабарех лар а во. 25 Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта, 26 хӀунда аьлча кхахьпанан мах баьпкан юьхканчул бен бац, амма нехан долахь йолу зуда бахьана долуш хьо хьайн дахарх а вала тарло.

27 Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тӀера коч а ца ягош? 28 Цхьа а стаг догуш долчу кӀегашна тӀехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош? 29 Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дӀа ца къаьхкинарг таӀзар ца хуьлуш вуьсур вац. 30 Къуьне цабезам ца кхоллало, цо, меца хиларна шен гай дузорхьама, хӀума лачкъийча. 31 Амма схьалаьцначул тӀаьхьа, цо ворхӀазза дукха юхадала деза, шен цӀийнан берриг а бахам дӀабала цуьнан дезахь а. 32 Шен йоцучу зудчуьнца лелачун кийрахь дог дац, цу тайпана лелаш волчо шен са а хӀаллакдо. 33 Еттар а, юьхьӀаьржачу хӀоттар а кхочур ду цуьнга, цуьнан эхь цкъа а дӀадайина хир дац. 34 Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагӀчух къинхетам бийр бац. 35 Цхьа а гӀуда цо дӀаоьцур дац. Шена ло совгӀат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна.

7

1 Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде. 2 Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе. 3 Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш. 4 Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала. 5 Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух – эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.

Нахаца лела зуда

6 Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара. 7 Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна. 8 Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара. 9 Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара. 10 Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра. 11 (Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц. 12 Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.) 13 И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира: 14 «Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду, 15 цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо. 16 Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш. 17 Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна. 18 Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ, 19 хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла. 20 Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац». 21 Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира. 22 Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна, 23 шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна – иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.

24 Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе. 25 Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела. 26 Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу. 27 Цуьнан цӀа – эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.

8

Хьекъалалла хастор

1- 8:1-3 Кицанаш 1:20, 21. Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург?

Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг?

2 Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь,

некъаш вовшахкхетачу меттехь.

3 Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху,

неӀарна чуволучу меттехь:

4 «Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш,

массо а нахе кхойкхуш ду сан аз!

5 Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш.

Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш.

6 ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду,

сан багахула арадовлу дешнаш – цӀеначу дагара ду.

7 Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду,

ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю.

8 Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду,

цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.

9 Кхетам берг цу дешнех дика кхета,

иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета.

10 ДӀаэца сан хьехамаш детин метта,

хаарш харжа цӀеначу дешин метта,

11 хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна,

лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна.

12 Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна,

ткъа хаар а, къастор а карадо суна.

13 Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду.

Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза,

иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна.

14 Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду.

Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу.

15 Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до,

соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.

16 Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а,

иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а.

17 Со дезарш суна а беза,

со лохуш болчарна со карор а ду.

18 Соьгахь бу бахам а, сийлалла а,

телхар йоцу хазна а, нийсо а.

19 Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду,

сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу.

20 Со нийсонан некъаш тӀехула лела,

аса бакъдолчун тачанаш лоху.

21 Со дезачарна ас хьал ло,

церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу.

22- 8:22 Довзийтинарг 3:14. Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь,

Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.

23 Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна,

юьхьанца, дуьне а кхоллале.

24 Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале,

иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале.

25 Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а

шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале,

26 латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла

лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале.

27 Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара,

Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а,

28 иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а,

хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара.

29 Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш,

Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а,

лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а,

со цигахь дара.

30 Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна.

Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь,

массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь.

31 Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со,

иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.

32 Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга.

Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш!

33 ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале,

цунна уллора дӀа а ма довла.

34 Декъала ву соьга ладугӀуш верг,

сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а,

сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг.

35 Со мел карийначунна дахар карийна,

Везачу Элера дика а хир ду цунна.

36 Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву.

Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву».

9

Хьекъалалла а, сонталла а

1 Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра. 2 Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра. 3 ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо: 4 «Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо: 5 «Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар. 6 Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».

7 Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву. 8 Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха – цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу. 9 Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве – цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.

10- 9:10 Аюб 28:28; Забур 110:10; Кицанаш 1:7. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу. 11 Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду. 12 Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.

13 Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю – цунна хӀумма а ца хаьа. 14 Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза. 15 Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта: 16 «Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» – бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху: 17 «Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду». 18 Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.

10

Сулим-паччахьан кицанаш

1 ХӀорш ду Сулиман кицанаш.

Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо.

2 Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху.

3 Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту.

4 Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо.

5 Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву.

6 Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.

7 Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю.

8 Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.

9 Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву.

10 Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.

11 Хьаналчу стеган дешнаш – дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.

12- 10:12 Якъуба 5:20; 1 Кипин 4:8. Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо.

13 Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду.

14 Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо.

15 Хьалдолчун бахам – цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду.

16 Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу.

17 Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела.

18 Шен цабезам къайлабохуш верг – аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву.

19 Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву.

20 Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду.

21 Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна.

22 Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху+ 10:22 *Ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху *– я иштта: *ткъа цунна тӀе бала ца туху Цо.*.

23 Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь.

24 Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду.

25 ШайтӀанан мох хьаькхча – Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу.

26 Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна.

27 Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду.

28 Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц.

29 Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу.

30 Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац.

31 Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду.

32 Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа.

11

1 Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду.

2 Куралла йоьссича – юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу.

3 Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо.

4 Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву.

5 ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту.

6 Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву.

7 Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу.

8 Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу.

9 Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху.

10 Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу.

11 Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху.

12 Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо.

13 Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо.

14 Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху.

15 Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац.

16 Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо.

17 Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво.

18 Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта.

19 Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху.

20 Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах.

21 Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю.

22 Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда.

23 Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа.

24 Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо.

25 Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду.

26 Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг.

27 Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу.

28 Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву.

29 Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву.

30 Делан лаамехь болчара кхиориг – дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо.

31- 11:31 1 Кипин 4:18. Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.

12

1 Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тӀехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву.

2 Дика стаг Везачу Эло ша декъалвар лохуш хуьлу, амма мекарчу стагана Цо кхел йийр ю.

3 Ӏесалло стаг чӀагӀвийр вац, амма Делан лаамехь волчун бух меттахбер бац.

4 Дика зуда шен майрачунна таж санна хуьлу, ткъа шен майра юьхьӀаьржачу хӀоттош ерг – цуьнан даьӀахкаш чохь телхина хӀума санна ю.

5 Дикачу нехан ойланаш нийса хуьлу, ткъа Ӏесачу нехан Ӏалашонаш ямарта хуьлу.

6 Ӏесачу наха бохург – цӀий Ӏано йина кӀело ю, ткъа бакъахьа лелачара олучо уьш кӀелхьарбоху.

7 Ӏесачу нахана тӀе бохам беанчул тӀаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цӀа чӀогӀа лаьттар ду.

8 Стеган хьекъале хьаьжжина, иза хаста а во, амма ямарта дог долу стаг нахана ца веза.

9 Дагахь хӀума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чӀогӀа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хӀума доцуш волчу стагал.

10 Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Ӏесачу нехан доглазам а къиза бу.

11 Шен лаьтта тӀехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хӀуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву.

12 Ӏеса стаг хьоьгург вонаш лелочеран хӀонс ю, ткъа дикачу нехан орамо стом ло.

13 Шен харцдешнашца вочу стага шена кӀело йо, ткъа дика стаг баланех кӀелхьарвер ву.

14 Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггӀу ял а лур ю цунна.

15 Сонтачу стагана шен некъ дика хета, ткъа хьекъал долчу стага кхечеран хьехамашка ладугӀу.

16 Сонтачу стеган оьгӀазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху.

17 Тешамечу тешо бакъдерг олу, амма харц луьйш волчу стага бохург бакъ дац.

18 Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до.

19 Бакъдолу дешнаш гуттаренна а хуьлу, ткъа харцдерг йоццачу ханна бен дац.

20 Вониг дан ойла ечеран дегнашкахь мекарло хуьлу, ткъа машар бан гӀерташ болчарна синкъерам хир бу.

21 Дикачу адамашна тӀе цхьа а бохам богӀур бац, ткъа Ӏеса нах вочу хӀуманех тӀехбуьзна хир бу.

22 Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву.

23 Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гӀерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху.

24 Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву.

25 Сингаттамо адаман дог таӀадо, ткъа дикачу дашо иза самукъане до.

26 Дикачу стагана шена уллорачунна чул дика хир ду, ткъа Ӏеса стаг тилаво шен некъо.

27 Малончо шен ижу ца йотту, ткъа дукха къахьоьгуш волчунна шен бахам беза бу.

28 Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц.

13

1 Хьекъалечу кӀанта шен дас ша нисваран дикка тергам бо, ткъа кхаьрдаш волчо шена бечу тӀехбеттаме ла ца дугӀу.

2 Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу.

3 Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тӀе зулам догӀур ду.

4 Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу.

5 Дикачу стагана харцонаш ца еза, ткъа Ӏесачу стага шена тӀе юьхьӀаьржо а, эхь а доуьйту.

6 Нийса леларо догцӀена стаг шен некъа тӀехь ларво, ткъа Ӏесалло къинош летош верг хӀаллакво.

7 Цхьаболчу наха, шайн долахь хӀумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а.

8 Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац.

9 Дикачу нехан серло синкъераме йогу, ткъа вочу нехан чиркх байина хир бу.

10 Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу.

11 Букъ а ца лозуш доккхург дог а ца лозуш дӀадолу, ткъа къахьегарца жим-жима гулдина хьал дебар ду.

12 Сатийсам кхочушхила хьебелча, дог гӀайгӀане хуьлу, ткъа хьан сатийсам кхочушхилча, иза дахаран дитт санна денло.

13 Шена бина хьехам дӀатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю.

14 Хьекъалалла долчун хьехамаш дахаран шовда ду, цара адамна гӀо дийр ду Ӏожаллин гурана генавала.

15 Хьекъал долчу стагаца нехан ларам хуьлу, ткъа тешаме боцучеран некъ хала бу.

16 Хьекъал долчо, ша цхьа хӀума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дӀагойту.

17 Геланча тешаме вацахь, цунах зулам долу, амма тешаме волчо машар бахьа.

18 ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду.

19 Лаам кхочушхилча, сакъерало. Вочу хӀуманах дӀакъастар сонтачунна дегаза хета.

20 Хьекъал долчаьрца юкъаметтиг лелош верг хьекъал долуш хир ву, амма сонтачаьрца гергарло лелош волчо шена тӀе бала бахьа.

21 Къинош леточарна вон тӀаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду.

22 Дика стаг веллачул тӀаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Ӏалашдеш ду.

23 Ур-атталла къечу стеган ахаза долчу лаьтто алссам ялта делча а, нийса ца леларо цуьнан хьал дӀадоккху.

24 Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво.

25 Дикачу стага Ӏаббалц яа хӀума юур ю, ткъа Ӏесачу нехан кийрахь мацалла лаьттар ю.

14

1 Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо.

2 Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета.

3 Сонтачу стага бохург – шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво.

4 Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду.

5 Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту.

6 Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо.

7 Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна.

8 Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла – Ӏехор ю.

9 Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду.

10 Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац.

11 Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду.

12- 14:12 Кицанаш 16:25. Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.

13 Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу.

14 Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду.

15 Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу.

16 Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела.

17 Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза+ 14:17 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ткъа мекара стаг нахана ца веза. *Грекийн гочдар тӀехь: *амма хьекъал дерг собаре хуьлу.*.

18 Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу.

19 Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду.

20 Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу.

21 Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву.

22 Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву.

23 Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу.

24 Хьекъале волчун таж – хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу.

25 Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво.

26 Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю.

27 Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво.

28 Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю.

29 Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту.

30 Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо.

31 Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву.

32 Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю.

33 Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту+ 14:33 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *цо сонтачарна юкъахь а ша гойту. *Грекийн гочдар тӀехь: *ткъа сонтачарна юкъахь цо ша ца гойту.*.

34 Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю.

35 Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу.

15

1 Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху.

2 Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу.

3 Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман.

4 Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо.

5 Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву.

6 Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа.

7 Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц.

8 Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу.

9 Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза.

10 Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву.

11 Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна.

12 Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза.

13 Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу.

14 Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу.

15 Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта.

16 КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул.

17 Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул.

18 КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо.

19 Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу.

20 Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела.

21 Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела.

22 Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду.

23 Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а!

24 Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама.

25 Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо.

26 Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду.

27 Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву.

28 Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу.

29 Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду.

30 Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо.

31 Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю.

32 Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо.

33 Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу.

16

1 Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.

2 Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту.

3 Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду.

4 Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу.

5 Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг – шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш.

6 Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу.

7 Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо.

8 Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал.

9 Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху.

10 Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу.

11 Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а – Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а.

12 Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду.

13 ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара.

14 Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву.

15 Паччахьан сирлачу хьажарехь – дахар ду, цуьнан дика хилар – бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду.

16 Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду.

17 Дикачу нехан некъ – вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо.

18 Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту.

19 Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул.

20 Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву.

21 Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу.

22 Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до.

23 Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу.

24 Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду.

25- 16:25 Кицанаш 14:12. Стагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.

26 ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту.

27 Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду.

28 Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу.

29 Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу.

30 БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина.

31 Къежвалар – сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза.

32 Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу.

33 Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю.

17

1 Карахь дакъаделлачу баьпкан дакъа а долуш, машарехь вахар гӀоле ду, хьолах дуьзначу цӀа чохь барт боьхна вехаш хиларал.

2 Хьекъал долчу ялхочо хьоладен харцахьарчу кӀантана тӀехь олалла дийр ду, ткъа олахо веллачул тӀаьхьа вежарийн санна долу дакъа кхочур ду цунна.

3 Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь.

4 Вочу адамо зуламе къамелаш дӀалоцу, ткъа харц луьйш волчо кхечеран аьшпашка ладугӀу.

5 Мискачух белар дечо иза Кхоьллинарг ца лору. Вочу хӀуманах воккхавеш верг таӀзар ца деш вуьсур вац.

6 Баккхийчийн таж церан кӀентийн кӀентий бу, ткъа берийн сийлалла церан да-нана ду.

7 Сонтачуьнгахь кура къамелаш ца тов, ткъа баьччехь харцкъамелаш а ца тов муххале а.

8 Иза луш болчун бӀаьргашкахь кхаъ бозбунчин молха санна бу. Ша мел лелош волчун аьтто боккху цо.

9 Стагера даьлла долу гӀалат къайладоккхуш волчо безам лоьху, ткъа и гӀалат дагадоуьйтучо шен доттагӀа шена генавоккху.

10 Хьекъалечунна шега баьккхина бехк боккха хета, сонтачунна шена бӀозза тоьхна гӀаж хетачул а.

11 Вочу стага аьрхалла бен ца лоху, цундела къиза геланча воккхур ву цунна дуьхьал.

12 Стагана шен кӀорнех яьккхина йолу стен ча дуьхьал ялар гӀоле ду, шен сонталлица сонта стаг дуьхьал кхетарал.

13 Диканна дуьхьал вон дечу стеган хӀусамера вон цкъа а дӀадер дац.

14 Дов дӀадолор, хи чухьадар санна, хӀума ду. Иза кхин гена далале сацор гӀоле ду.

15 Ӏесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хӀума а Везачу Элана дегаза хета.

16 Ӏовдалчу стагана ахча стенна оьшу? Хьекъалалле кхача цуьнан хьекъал а ма дац.

17 ДоттагӀчунна шен доттагӀа массо а хенахь веза. Ваша вон тӀедеанчу ханна вина ву.

18 Хьекъал доцучу стага бен кхечу стеган декхарх жоп луш куьг лоцур дац.

19 Къовсавалар дезаш волчунна къинош летор а деза. Ша лакхара дуьйцуш волчо лаха охьавожар лоьху.

20 Ямартчу дагна дика карор дац, харцлуьйш болу мотт воне кхочур бу.

21 Хьекъал доцу кӀант волу да сингаттаме хуьлу, Ӏовдалчун да цкъа а ирсе хир вац.

22 Ирсе хилар дарбане молха санна ду, ткъа сингаттам стаг вакъош йолу цамгар санна бу.

23 Ӏесачу стага четара кхаъ схьаоьцу, нийса еш йолу кхел харцахьа ерзорхьама.

24 Хьекъал долчу стага шен бӀаьргаш хьекъалалле берзабо, ткъа сонтачун бӀаьргаш маьӀ-маьӀӀе хьоьжуш хуьлу.

25 Сонта кӀант шен дена гӀайгӀа ю, иза шен нанна къаьхьалла а ю.

26 Бехк боцучу стагана гӀуда тохар а дика дац, иштта дикачу стагана серий деттар а нийса дац.

27 Хьекъал долчо ша олуш долу дош лардо, кхетам берг сиха оьгӀаз а ца воьду.

28 ХӀумма а ца олуш Ӏаш волу сонта стаг а хьекъал долуш санна хета тарло. Нахана хӀумма а ца олуш Ӏаш волу стаг хьекъале хета.

18

1 Ша кхечарах дӀакъастийнарг шена луъург дан лууш хуьлу. Хьекъал мел дерг дӀатотту цо.

2 Сонта стаг хӀуманех кхета лууш ца хуьлу – шен хьекъал дӀагайта бен лууш вац иза.

3 Ӏеса стаг схьавеача, дола хетар а цунна тӀаьхьа догӀу, ткъа сийсазаллица цхьаьна юьхьӀаьржо а хуьлу.

4 Хьекъалалла долчу стеган дош, кӀоргачу хи чуьра санна, схьадолу, цу дешан бух хьекъалаллин татол чуьра хьалаболуш бу.

5 Кхел ечу хенахь дика дац Ӏесачу стагана озабезам гайтар, и хӀума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.

6 Сонтачу стеган багано дов доккху, цо аьлларг бахьана долуш буй тохар а хуьлу.

7 Сонтачу стеган мотт – цуьнан дакъазавалар бу, цо мел олург – цунна хӀоттийна гур бу.

8 Эладитане дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.

9 Балха тӀехь мало йийриг а, хӀуманаш йохош верг а цхьана доьзалера ву.

10 Веза Эла – дика йина бӀов санна ву: хьанал стаг, Цунна тӀе кхаьчча, кхерам боцуш хуьлу.

11 Хьал долчун бахам чӀагӀйина гӀала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хӀоттийна боккха пен санна хета цунна.

12 Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тӀаьхьа стеган сий хьаладер ду.

13 ХӀумане ла а догӀале жоп луш волу стаг сонта ву, цунна тӀе эхь догӀу.

14 Стеган сино, иза цомгуш хилча, цу цамгарх тола ницкъ ло, амма доьхна са лалург мила хир ву?

15 Хьекъал долчу стеган даго хаарш лоху, шен лергашца хааршка ладогӀа кийча ву иза.

16 Стага деллачу совгӀато цунна хьалха некъ дӀабосту, цуьнгахула баьччанашна хьалха хӀотта мегар ду цунна.

17 Хьалха вистхилларг массарна а бакъ хета, кхин цхьаъ схьа а веана, шен хаттаршца шеко кхолла волаваллалц.

18 Кхаж тасарца къовсам а къастабо, хьалдолчеран дов а сацадо.

19 ОьгӀазвахана волу доттагӀа меттавало хала ду, чӀагӀйина гӀала яккхарал а. Вовшашца даьлла дов гӀалин кевнна тоьхначу догӀанал а чӀогӀа хуьлу.

20 Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Ӏебар ву иза.

21 Дахар а, Ӏожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тӀаьхье тӀелаца а кийча хила веза.

22 Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю.

23 Къен стаг дехар деш вистхуьлу, ткъа хьалдолчун жоп кӀоршаме хуьлу.

24 ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.

19

1 Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал – иза-м сонтаниг ма ву.

2 ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу.

3 Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево.

4 Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту.

5 Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.

6 Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу.

7 Къен стаг шен гергарчарна ца веза – цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац.

8 Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву.

9 Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.

10 Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу.

11 Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до.

12 Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар – бацана тӀе диллина тхи санна ду.

13 Сонта кӀант – шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда – ца соцу ладар санна ю.

14 Стеган хӀусам а, бахам а – дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю.

15 Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.

16 Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву.

17 Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.

18 ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.

19 Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан.

20 Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.

21 Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.

22 Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал.

23 Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац.

24 Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо.

25 Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу.

26 Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву.

27 Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу.

28 Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу.

29 Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю.

20

1 ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву.

2 Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту.

3 Къовсаваларх ларвалар – лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву.

4 Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац.

5 Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало.

6 Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду.

7 Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду!

8 Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу.

9 Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»?

10 Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а – ший а Везачу Элана дегаза хета.

11 Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула – цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула.

12 ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а – ший а Везачу Эло кхоьллина ду.

13 Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза.

14 Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до.

15 Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду.

16 Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча.

17 Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту.

18 Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила.

19 Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила.

20 Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю.

21 Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац.

22 «Ас бекхам бийр бу вон диначунна», – ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву.

23 Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь.

24 Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара?

25 Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю.

26 Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю.

27 Стеган са – Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло.

28 Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо.

29 Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов.

30 Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо.

21

1 Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза.

2 Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву.

3 Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул.

4 Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а – Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду.

5 Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо.

6 Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду.

7 Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа.

8 Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу.

9 Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

10 Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо.

11 Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду.

12 Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах.

13 Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.

14 Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху.

15 Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту.

16 Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву.

17 Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац.

18 Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу.

19 Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.

20 Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху.

21 Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.

22 Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало.

23 Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву.

24 Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг.

25 Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу. 26 Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало.

27 Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза.

28 Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду.

29 Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо.

30 Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.

31 ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу.

22

1 Стеган дика цӀе яккхар хьал долуш хуьлучул а деза ду. Нехан ларам детил а, дешил а беза бу.

2 Хьал долуш верг а, къен верг а, ишттачу хӀумане хьаьжжина, цхьатерра ву: и ший а Везачу Эло кхоьллина ву.

3 Хьекъал долчо, бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа бодане нах, нийсса цу тӀе боьлху дела, жоьпе озабо.

4 Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду.

5 Зуламечу нехан некъашна тӀехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гӀур вац.

6 Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела – иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац.

7 Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу.

8 Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю.

9 Декъала хир ву комаьрша стаг, хӀунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу.

10 ДӀалалла шайна уллора нахах кхаьрдарг, иза дӀаваханчул тӀаьхьа вовшашка болу цабезам а, девнаш а, бага еттарш а дӀадевр ду.

11 ДогцӀеналла езаш а, маттана шера а хьо велахь, паччахь хьан доттагӀа хир ву.

12 Везачу Эло бакъдолу хаарш лардо, ткъа харцнехан дешнаш Цо дакъазадоху.

13 Малончо олу: «Арахь лом ду! Урамновкъахь со вуьйр ву!»

14 Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кӀело санна ю, Везачу Эло неӀалт аьлларг цу чу вужур ву.

15 Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза.

16 Шена са яккхархьама къечу стагана гӀело йийриг а, хьал долчу стагана совгӀаташ дийриг а – и ший а къоьлле кхочур ву.

Хьекъале ткъе итт кица

17 Хьекъалалла долчийн дешнийн тидам а бе, цаьрга ла а догӀа. Ас хьуна Ӏамор долчун даггара ойла е, 18 хӀунда аьлча тамехь хир ду хӀара дешнаш хьайн дагахь латтор а, уьш дӀадийцийта кийча хилийтар а. 19 Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама. 20 Ас хьуна ткъе итт хьекъале аьлларг дӀаяздина, хьекъалаллех а, хаарех а дуьзна ма ду. 21 Цара Ӏамор ду хьуна нийса а, бакъ а дерг, тӀаккха хуур ду хьуна хьо ваийтинчунна нийса жоп дала.

22 Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е. 23 Везачу Эло къен болчаьрга гӀо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо.

24 Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо, 25 церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а.

26 Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца. 27 Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу.

28 Хьайн дайша дӀахӀоттийна болу шира шу дӀа ма хилабе.

29 Шен говзалла дика хууш волу стаг гиний хьуна? Цо паччахьашна гӀуллакх дийр ду. Боданечу нахана гӀуллакх дийр дац цо.

23

1 Айхьа куьйгалхошца хӀума юучу хенахь, хьо хьаьнца хиъна Ӏаш ву диц ма де. 2 Дуккха а хӀума яа хьан лаам хилахь, хьайн логана дуьхьало хӀоттае. 3 Чам болчу цуьнан кхачанах хьоьгуш ма хила, хӀунда аьлча цо хьо Ӏехо мега.

4 Хьал долуш хилархьама, хьайн сих валлалц къа ма хьега. Болх сацо беза хан йовззал хьекъале хила. 5 Ахь хьайн бӀаьргаш хьоле дӀахьажошшехь, цуьнан дукха сиха тӀемаш а довлу, аьрзу санна, иза стигала хьала а доьду.

6 Саьхьарчу стеган шуьн тӀера яа хӀума ма яа, цуьнан мерзачу кхачанах вуьзна хила лууш ма хила, 7 хӀунда аьлча цуьнан са, догӀа а тоьхна, дӀакъевлина ду. Цо хьоьга: «Яа а яа, мала а мала» эр ду, амма цуьнан дог хьоьца дац. 8 Айхьа дӀакхаьллина цуьрг схьаӀеттор ду ахьа, ткъа ахьа аьлла мерза дешнаш а эрна хир ду хьан.

9 Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.

10 Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха, 11 хӀунда аьлча церан нуьцкъала ГӀодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гӀуллакх Цо къастор ду.

12 Хьайн дог хӀума Ӏамарна тӀе дерзаде, хьайн лергаш хаарш хаза схьаделла.

13 Бер таӀзар ца деш ма диталахь, цунна иза догӀучохь. ГӀаж еттарца цунна таӀзар дарх бер лийр дац. 14 Ахь сара беттарца берана таӀзар дахь, иза эхарте кхачарх кӀелхьардоккхур ду.

15 Сан кӀант, хьо даг чохь хьекъал долуш хилахь, со даггара ирс долуш хир ву. 16 Сан кийрахь мел дерг а синкъераме хир ду, хьоьгара суна догцӀена долу дешнаш хазахь.

17 Къа летош болчу нахах ма хьега, амма массо а ханна Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хила. 18 Хьан хиндерг-м хьуна хьалха билггал хир ду, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а дӀадер дац.

19 Ла а догӀа, сан кӀант, хьекъале а хила, хьайн дог нийсачу некъа тӀе а дерзаде. 20 ТӀехдаьккхина чагӀар муьйлучаьрца а, жижиг даар тӀехдоккхучаьрца а гергарло ма леладе, 21 хӀунда аьлча маларш муьйлучунна а, сутара гай долчунна а къоьлла тӀейогӀур ю, ткъа наб озоро царна тӀе тӀелхигаш юхур ю.

22 Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогӀалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а.

23 Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.

24 Хьаналчу стеган да чӀогӀа самукъадолуш хуьлу. Нагахь бераш хьекъалалла долуш делахь, да царах воккхавеш хуьлу.

25 Хьан дай-наний ирс долуш хуьлийла, хьан нана самукъадолуш хуьлийла.

26 Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна. 27 Нахаца лела зуда – бух боцу Ӏин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда – готта гӀу санна хуьлу хьуна. 28 Иза кӀело йина Ӏаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту.

29 Мила ву ахӀ-ухӀ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бӀаьргкӀелош Ӏаржйина? Хьенан бӀаьргаш ду, даьржина хи санна? 30 Уьш чагӀарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чӀогӀа маларш муьйлучеран ду. 31 ЧагӀар цӀен делахь а, цунах Ӏеха ма ло. Иза пхьегӀи чохь хаза ловзу, атта мала а ло. 32 Амма цул тӀаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дӀаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку. 33 Хьан бӀаьргашна хьалха хийра хӀуманаш хир ду, хьайн дагахь ахь кхетаме доцург дуьйцур ду. 34 Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду. 35 Ахьа эр ду: «Цара йиттира суна, амма суна зе ца дина, чӀогӀа йиттира, амма суна иза хаа а ца делира. Со маца самавер ву те? И малар аса кхин а лохур ду».

24

1 Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа. 2 Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу.

3 ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла, 4 хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех.

5 Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу. 6 ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу.

7 Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу.

8 Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю. 9 Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана.

10 Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.

11 Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха! 12 «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо

13 Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана. 14 Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна – иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц.

15 Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае. 16 Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш – бохамаша охьаэгор бу.

17 Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь. 18 Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна.

19 Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега, 20 хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу.

21 Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета, 22 хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа.

Кхин а хьекъале кицанаш

23 Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду.

Кхелахочо озабезам бар дика дац. 24 Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», – кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву. 25 Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву.

26 ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву.

27 Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало.

28 Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта. 29 Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса».

30 Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира. 31 Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра. 32 Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна: 33- 24:33, 34 Кицанаш 6:10, 11. «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». 34 Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.

25

Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш

1 ХӀорш ду Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун ялхоша схьагулдина долу.

2 Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.

3 Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.

4 Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа. 5 Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.

6- 25:6, 7 Лака 14:8-10. Паччахьна хьалха айхьа хьо хеста а ма ве, сийлахь болчийн метта охьа а ма хаа. 7 «Схьавола!» – аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул.

Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш 8 стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хӀун дийр дара, хьайна уллорачо гӀуллакх къастийначул тӀаьхьа хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийча?

9 Уллораниг хьайн гӀуллакхна кхеле озийча, кхечу стеган къайле гучу ма яккха. 10 Хьо иштта лелаш велахь, иза хезначо хьо юьхьӀаьржачу хӀоттор ву, и юьхьӀаьржо хьо мел веха хьоьца хир ю.

11 Даточу пхьегӀи чохь Ӏуьллучу дашочу Ӏежех тера хуьлу доггӀучохь аьлла долу дош

12 Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чӀагарал а, уггар цӀеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогӀа хуучу лергана.

13 Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча – шен олахочун дог ойу цо.

14 ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.

15 Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.

16 Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама. 17 Иштта хьайн доттагӀчун цӀа эхар а лагӀде, хьо кӀорда а вайтина, цуьнан хьайга цабезам ца кхоллабалийтархьама.

18 Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.

19 Вон тӀедеанчу хенахь тешаме воцучунна тӀетовжар – лозуш йолу церг я астагӀа ког санна хир ду хьуна.

20 Баланехь волчу стагана ирсе эшарш лекхар цуьнгара шийлачу дийнахь тӀера бедар схьаяккхар санна ду, я чевнна тӀебутту туьхаберам санна ду.

21- 25:21, 22 Римхошка 12:20. Хьайн мостагӀа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло: 22 иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа, ткъа Везачу Эло хьуна ял лур ю.

23 Къилбаседехьара схьахьоькхуш болчу мохо догӀанаш дахьаре терра, эладита дечун матто оьгӀазе хьежар дахьа.

24 Шерачу тхевнан цхьана сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

25 Генарчу махкара болу хаза кхаъ хьогах волчу стагана шийла хи санна бу.

26 Даьржина хи санна я бехдина шовда санна ву Ӏесачу стагана хьалха къарлуш волу дика стаг.

27 Моз тӀех даар вон хӀума хиларе терра, нуьцкъаш шен сий дайтар сий хилар дац.

28 Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гӀала санна ву са ца тохалуш волу стаг.

26

1 Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догӀу догӀа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар.

2 Хьоза дӀасаэккхар санна а, чӀегӀардиг дӀасаэхар санна а, иштта бахьана доцуш боьллина болу сардам, тӀех а баьлла, кхочушхир бац.

3 Шад – говрана, дуьрста – вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу.

4 Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.

5 Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бӀаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама.

6 Сонтачуьнгахула хабар дохьуьйтуш верг шен когех дӀахедаш я дӀовш молуш верг санна ву.

7 Хьекъал доцучун багара долу кица, астагӀчун когаш санна, ледара ду.

8 Сонтачун сий дар ширдолагца тӀулг дӀабехкар санна ду.

9 Сонтачун багара долу кица, мелла волчу стеган куьйгах дахана кӀохцал санна, жима хуьлу.

10 Массарна а чевнаш еш, пхерчий кхуьссург санна ву, сонтаниг я мила ву а ца хууш волу стаг шена болх байта лоцуш верг.

11- 26:11 2 Кипин 2:22. Шен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта.

12 Ша хьекъал долуш вацахь а, ша иштта хеташ верг сонтачу стагал а оьшу.

13 Малончо олу: «Некъа тӀехь лом ду! Экха ду урамнекъашкахула лелаш!»

14 Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш.

15 Малончо шен куьг бошхепа тӀе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кӀадло.

16 Кхетамца къамелаш дечу ворхӀаннал а ша хьекъале хета малончина.

17 Шен гӀуллакх доцучу нехан девнна юккъе гӀортар тӀехдолучу жӀаьлин лергаш озор санна ду.

18 Хьераваьллачо нах хӀаллакбеш кхуьссуш долу а, догуш долу а пхерчий кхийсар санна хӀума ду, 19 шена уллораниг Ӏеха а вина, цуьнга: «Ас бегаш бира!» алар.

20 Дечиг дӀадаьлча, цӀе а дӀайов, эладита чекхдаьлча, дов а дӀадолу.

21 КӀегашна тӀера йовхо хьалайолу, дечигах – цӀе хьалайолу, ткъа къиссавалар дезаш волчун хабар бахьана долуш дов долу.

22 Лере аьлла дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.

23 Дато басахь долу басар хьаькхначу поппаран кхабанах тера ву вон дог долу эсала къамелаш дийриг.

24 Хьо ца везаш волчу стага хесторан къамелаш дахь а, шен дагахь цо тешнабехк латтабо. 25 Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хӀунда аьлча цуьнан дог тӀех дегазаллах дуьзна ду. 26 Шен цабезам иза Ӏехорца дӀалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю.

27 Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу.

28 Харцматтаца дуьйцучунна ша лазабо нах ца беза, иштта томана дуьйцучо а бохам бо.

27

1- 27:1 Якъуба 4:13-16. Кханалера де ма хестаде, хӀунда аьлча хьуна ца хаьа цо хӀун дахьа.

2 Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш.

3 ТӀулг беза бу, гӀум а яц яйн, амма сонтачу стага бахьа бала лан кхин а хала ду.

4 ОьгӀазалла къиза ю, дералла а хи тӀедалар санна ю, амма мила латталур ву хьегарна хьалха?

5 Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал.

6 Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю.

7 Вуьзначу стага моз а дӀатоттур ду, амма меца волчунна къаьхьаниг а мерза хетар ю.

8 Шен цӀенна генаваьлла волу стаг бенна генадаьлла лела олхазар санна ву.

9 ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар – иза доттагӀаллин марзо ю.

10 Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а.

11 Хьекъале хила, сан кӀант, сан дог доккха а дедеш, тӀаккха суна халахетийтиначаьрга ала хӀума хир ду сан.

12 Хьекъал долчо бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа боданера нах нийсса цунна тӀебоьлху, тӀаккха цунна тӀера жоьпе а озор бу уьш.

13 Хийрачу стагах адамо ша дош делча, цунах бедар яккха. Закъалтана йита иза, нехан зудчух цо жоп луш хилча.

14 Ӏуьйранна хьалххе доккхачу озаца уллорачуьнга маршалла хаттахь, иза цунна шена неӀалт кхайкхор санна хетар ду.

15 Къийсалуш йолу зуда кхоьлинчу дийнахь леда ладар санна ю. 16 Иза сацо гӀортар мох сацо гӀортар санна ду, я шен шина куьйга юкъахь даьтта сацо гӀортар санна ду.

17 Аьчка урс эчигна тӀе хьокхуш ирдаре терра, цхьана стага кхечу стеган аьрталла дӀайоккху.

18 Инжиран диттан дола деш волчо цуьнан стом буур бу, ткъа шен олахочун гӀуллакх деш волчун сий а хир ду.

19 Стаг хи чу хьаьжча, цунна шен сибат го, иштта адаман даго и стаг ма-варра схьагойту.

20 Эхарт а, хӀаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Ӏаьбна цахиларе терра, адаман бӀаьргаш а ца Ӏеба.

21 Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам.

22 Сонтаниг кохьар чохь кӀенца цхьаьна аьхьча а, цуьнан сонталла дӀаяккхалур яц.

23 Хьайн жашна дикка тӀехьажа, хьайн бажа леррина Ӏалашбе, 24 хӀунда аьлча хьал массо а хенахь ца лаьтта. Ур-атталла таж а массо а хенахь ца кхочу кхечу тӀаьхьенна дӀа. 25 Йол а хьаькхна, керла буц хьалайолучу хенахь, лаьмнашкарчу цанашна тӀера буц схьахьаькхначу хенахь, 26 Ӏахарех хьуна тӀеюху хӀума хир ю, ткъа гезарех – кхаш эцар хир ду. 27 Хьо а, хьан доьзал а кхаба а, иштта хьан гӀарбашаш дийна хилийта а тоъал гезарийн шура хир ю хьан.

28

1 Ӏеса стаг ведда лела, шена тӀаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу.

2 Махкахь адам карзахдаьлла лелачу хенахь, дуккха а куьйгалхой гучубовлу, амма хьекъалалла а, кхетам а болчу куьйгалхочуьнца и мохк лаьттар бу.

3 Миска нах хьийзош волу къен куьйгалхо тӀехь хӀума хьалаяьлла долу латта дӀахьош долу догӀа санна ву.

4 Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву.

5 Вон нах нийса долчух ца кхета, амма Веза Эла лохуш берш цу дерригенах а кхета.

6 Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел.

7 Хьекъал долчу кӀанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кӀадбоцучарна улло гӀерташ волчо шен да юьхьӀаьржачу хӀиттаво.

8 Ахчанна тӀе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дӀакхочур ду.

9 Товрат-хьехаме ладогӀа хьан лаам ца хилахь, хьан доӀа а Везачу Элана дегаза хетар ду.

10 ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду.

11 Хьалдолчунна ша хьекъалалла долуш ву аьлла хета, амма хьекъал долу къениг цунах доллучух кхетар ву.

12 Хьанал стаг куьйгалле веача, массо а воккхавеш хуьлу, амма Ӏесаниг хьалаваьлча, массо а къайлаволу.

13 Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.

14 Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тӀе бала бахьар бу.

15 Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу.

16 Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву.

17 ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.

18 Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву.

19 Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.

20 Бакъволчу стагана диканиг дийр ду, ткъа хьолана тӀаьхьаваьлла лелаш волчунна бекхам хир бу.

21 Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло.

22 Сутарчу стеган Ӏалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю.

23 Стагера даьлла гӀалат цуьнга дӀадийцинарг тӀаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал.

24 Цхьаболчара дений, нанний къола до: «Иза къилахь дац», – бохуш. И нах, адамаш дойу зуламхой санна, вон нах бу.

25 Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тӀетевжачо дика хьоьгу.

26 Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву.

27 Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо.

28 Ӏеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хӀаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу.

29

1 Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву.

2 Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.

3 Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо.

4 Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо.

5 Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу.

6 Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.

7 Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо.

8 Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо.

9 Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.

10 Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу.

11 Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу.

12 Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта.

13 Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву – цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла.

14 Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду.

15 ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.

16 Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду.

17 ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.

18 Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург.

19 Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до.

20 Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул.

21 Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву.

22 ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до.

23 Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду.

24 Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза.

25 Адамех кхерар – стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.

26 Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду.

27 Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша.

30

АгӀуран дешнаш

1 ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш:

2 «Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со,

соьгахь адамехь болу кхетам а бац.

3 Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац,

Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац.

4 Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг?

Мила ву шен карахь мох сацийнарг?

Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг?

Мила ву дуьненан доза хадийнарг?

Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе?

Хьуна хууш дуй иза?

5 Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту. 6 Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».

Кхидолу кицанаш

7 Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла. 8 Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа. 9 Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» – бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.

10 Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.

11 Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.

12 Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.

13 Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.

14 Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.

15 ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало».

Кхо хӀума ду, цкъа а дузур доцуш,

«Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хӀума ду:

16 Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю,

догӀа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а,

иштта йогуш йолу цӀе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу.

17 Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.

18 Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ:

19 стигалахь лелачу аьрзунан некъ,

тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ,

хӀорда тӀехула дӀадоьдучу хӀордкеманан некъ,

иштта стеган йоӀе боьдучу безаман некъ.

20 Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».

21 Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:

22 паччахь хилла дӀахӀутту волу лай,

муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,

23 хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда,

иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.

24 Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю:

25 кӀезиг ницкъ болуш ду зингатий, амма цара аьхка дуьйна шайна кхача кечбо;

26 лаьмнийн дехкий, шаьш нуьцкъала дацахь а, цара херонашкахь шайна Ӏойла кечйо;

27 цӀазана тӀехь паччахь ца хуьлу, амма уьш нийсачу могӀаршкахь лела;

28 моьлкъа куьйгашца а схьалацало, амма иза паччахьан цӀа чохь а беха.

29 Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду:

30 лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хӀуманах ца кхоьруш долу а;

31 кура болар долу нӀаьна а, бож а,

иштта шен эскарна коьртехь лелаш волу паччахь а.

32 Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде! 33 ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.

31

Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш

1 ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш:

2 «Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!

3 Зударий бахьана долуш

ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь,

паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца

хьо лела а ма лелалахь.

4 Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар,

иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.

5 ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху,

тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.

6 Ахьа и вахош долу малар мискачарна а,

шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.

7 ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а,

шаьш баланехь хилар а.

8 Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь,

бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.

9 Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь.

Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».

Дика а, оьзда а йолу зуда

10 А тта+ 31:10 *ХӀокху коьртан 10-31 аяташ абатан кепехь ду, абат кхачаме хиларе терра, цхьана тайпанан кхачамалла а гойтуш.* дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.

11 Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.

12 В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.

13 Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.

14 Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.

15 Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до+ 31:15 *«...шен гӀарбашашна дан деза омра а до» *– я иштта: *«...шен гӀарбашашна дала деззарг дӀа а ло».*.

16 З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.

17 И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.

18 К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.

19 Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.

20 М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.

21 Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.

22 О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.

23 П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.

24 Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.

25 С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.

26 Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.

27 У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.

28 « Х ьо декъалниг ю», – олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.

29 Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».

30 Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а – сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.

31 Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.