Векало ПахӀала

пилапхошка

яздина кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала пилапхошка яздина долу хӀара кехат Европин мехкашкахь ПахӀала дуьххьара дӀахӀоттийначу динан тобане яздина дара. Римхойн пачхьалкхана чубогӀучу Македон-мехкан коьртачу гӀалахь яра и тоба. И кехат векало ПахӀала ша набахти чувоьллинчу хенахь яздира. Цу хенахь иза гӀайгӀанехь вара, Ӏийсан цхьаболчу динан белхалоша шена йо дуьхьало бахьана долуш а, Пилап-гӀалахь йолчу динан тобанехь бо харц хьехамаш бахьана долуш а. Мелхо а, хӀокху кехатан чулацам доьналла долуш а, самукъане а ду. Цунах хаьа, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долу ПахӀалан тешар кӀорггера хилар.

Кехат яздаран коьрта Ӏалашо ПахӀална гӀо оьшучу хенахь пилапхоша шена даийтина долчу совгӀатна баркалла алар яра. Оццу хенахь ПахӀала церан дегнаш иракарахӀиттадо, уьш доьналла долуш а, Ӏийсах тешна а хилийтархьама, иза ша а, уьш а халонашкахь белахь а. Цо чӀогӀа доьху цаьрга, дегаллин а, дозаллин а метта, ойланашкахь а, леларехь а Ӏийса санна таьӀна хилахьара бохуш. Цо царна дагадоуьйту, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу церан дахар Дала маьхза дина дика дуйла а, ткъа и дахар цара, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, амма Ӏийсах тешарца а бен тӀе ца эцнийла а. Иштта цо дуьйцу Дала Шеца уьйр йолуш Ӏаш болчу массарна а лучу синпаргӀатонах лаьцна.

Цу кехат тӀехь ПахӀала чӀагӀдо иштта хӀуманаш: даккхийдер, тешна Ӏаш хилар, цхьаалла, динехь а, леларехь а чӀагӀделла Ӏаш хила дезар. Цул сов, кехато гойту, Пилап-гӀалахь йолу динан тоба ПахӀална чӀогӀа дукхаезаш хилар.

1

1- 1:1 Векалийн 16:12. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга. 2 Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.

ПахӀала пилапхошна тӀера дина доӀа

3 Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле. 4 Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса, 5 шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела. 6 Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. 7 Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а. 8 Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан.

9 Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, 10 шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, 11 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.

Дала леррина Къобалвинарг – вайн дахар ду

12 Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. 13- 1:13 Векалийн 28:30. Дала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера. 14 ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.

15 Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна. 16 Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. 17 Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш.

18 Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву. 19 ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла. 20 Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. 21 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Ӏожалла – суна пайда хилар ду. 22 Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза. 23 Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара. 24 Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду. 25 Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. 26 ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш.

27 Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу. 28 Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду. 29 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. 30- 1:30 Векалийн 16:19-40. Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву.

2

Дала леррина Къобалвинарг лахвар а, вазвар а

1 Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун? 2 Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Ӏалашо а йолуш. 3 Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. 4 ХӀораммо а, шен-шен бен гӀайгӀа йина ца Ӏаш, кхечун а гӀайгӀа е. 5 Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Ӏийса санна хилалаш.

6 Делан вастехь Ша велахь а,

Цунна ца хетара,

Ша Делах тера хиларх

Ша пайда эца беза аьлла.

7 Мелхо а, Шен возалла дӀа а тесна,

лен васт тӀе а эцна,

адамах тар а велла,

тӀехьаьжна а адам хилла Иза.

8 Ӏожаллина тӀекхаччалц

Далла муьтӀахь а хилла,

Ша лахара вира Цо.

ЖӀара тӀехь Ша валлалц,

муьтӀахь висира Иза.

9 Цундела Дала Иза вазвира,

уггар а лакхарчу даржехь Иза дӀа а хӀоттийна,

10- 2:10, 11 ЕшаӀ-ЯхӀу 45:23 (Грекийн). стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш

Ӏийсан цӀе лоруш, гора а хӀиттина, суждане бахийтархьама а,

11 Да волчу Делан сийлаллина

Цо леррина къобалвина Ӏийса

Веза Эла хиларх лаьцна

хӀора адаман матте тоьшалла дайтархьама а.

Серлонаш санна, дуьнен чохь лепар

12 Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама. 13 ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.

14 Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш, 15- 2:15 Карлабаьккхинарг 32:5. Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, 16 дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.

17 Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. 18 Оцу хӀуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а.

Тимапин а, Эпар-Падатин а тешаме хилар

19 Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама. 20 Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гӀайгӀа бийр болуш а сан цхьа а вац. 21 Массара а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху. 22 Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа. 23 Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дӀахьажо дагахь ву со. 24 Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дӀавогӀур ву.

25 Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара. 26 Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза. 27 Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш. 28 Цундела суна кхин а чӀогӀа лаьа иза шу долчу дӀахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а. 29 Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш. 30 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гӀуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гӀо дора.

3

Далла хьалха бакъвар

1 Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду. 2 Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жӀаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до! 3 ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац. 4 Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Ӏен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Ӏен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду. 5- 3:5 а: Римхошка 11:1; б: Векалийн 23:6; 26:5. ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. 6- 3:6 Векалийн 8:3; 22:4; 26:9-11. Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Ӏийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хӀума доцуш вара со. 7 Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса. 8 Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, 9 Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Ӏийсах тешарна. 10 Дала леррина Къобалвинарг кӀоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Ӏожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна, 11 Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.

Дала со тӀекхайкхинчу Ӏалашоне кхача гӀертар

12 Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со. 13 Динан вежарий! Оцу Ӏалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хӀума кхочушдо ас: сайна тӀехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тӀекхача гӀерташ ву со. 14 Иштта, сан Ӏалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула со стигала тӀекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгӀатна хьалха тӀекхача.

15 Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду. 16 Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.

17- 3:17 1 Коринтхошка 4:16; 11:1. Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш. 18 ХӀунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жӀаран мостагӀий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хӀинца-м, бӀаьрхиш а Ӏенош, дуьйцу аса. 19 Церан кхоллам – хӀаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гӀуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хӀуманийн бен, ойла ца йо. 20 Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. 21 Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.

4

1 Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.

Шайна Ӏеминарг кхочушделаш!

2 Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву! 3 Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ+ 4:3 *Сан тешаме волу СезагӀ *– хӀокху цӀеран метта хила тарло: *соьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдина волу а накъост.*, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.

4 Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!

5 Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. 6 Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта. 7 ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.

8 Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е. 9 Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.

СовгӀаташна баркалла олу ПахӀала

10 Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. 11 Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен. 12 Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а. 13 Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.

14 Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна. 15 Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра. 16- 4:16 Векалийн 17:1. - 4:15, 16 2 Коринтхошка 11:9. Аша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера. 17 Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас. 18- 4:18 Арадаккхар 29:18. ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву. 19 Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. 20 Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.

Маршаллаш

21 Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. 22 Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.

23 Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.