Исраилан халкъ яьссачу арахь
Лелар
Дешхьалхе
Шовзткъа шарахь Исраилан халкъ яьссачу арахула лийлира. Синай-лома тӀера дуьйна Дала шайна лур бу аьллачу мехкан малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц болчу церан некъах лаьцна ду хӀара Лелар цӀе йолу тептар. Исраилан халкъ Синай-ломана уллохь долчу хенахь, Мусас иза дагардира, ткъа халкъан некъ чекхбаьлча, халкъ Муаби-махкахь долчу хенахь, иза юха а дагардира цо. Цул хьалха Исраилан халкъ КанаӀан-мехкан къилберачу дозанна уллохь йолчу Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалина тӀедахара, амма цигахула царна ваӀданца лур бу аьллачу махка чу ца бахалора уьш. Дуккха а хан оцу меттехь а яьккхина, уьш Йордан-хил малхбалехь йолчу метте бахара. Халкъан цхьа дакъа цигахь даха охьахиира, ткъа вукху декъо цигахь кечам бира, Йордан-хил дехьа а даьлла, КанаӀан-махкана чубовла.
Лелар олучу тептар тӀехь дуьйцуш ду халкъ юх-юха а гӀайгӀанехь а, кхерамехь а хиларх лаьцна, цунна тӀехь Ӏазапаш латтийна дела. Далла а, Дала цунна тӀехь дӀахӀоттийначу Мусана а дуьхьалделира и халкъ. Исраилхоша иштта къинош летадахь а, Шена хьалха уьш аьрха белахь а, Дела царна тешаме а хуьлу, Цо уьш Ӏалаш а бо. Оцу массо а ханна Муса Далла а, халкъана а тешаме вуьсу, иза наггахь чӀогӀа собаре ца хилахь а.
1Исраилан халкъ дуьххьара дагардар
1- 1:1-46 Лелар 26:1-51. Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира: 2 «Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀорра а боьршачу стеган цӀе дӀаязъе. 3 Ахьа а, АхӀарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тӀеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчеран хьесап де. 4 Шайн доьзалехь баьчча волу хӀора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. 5 Шуьца хинболчу нехан цӀераш хӀорш ю:
Раабанан тӀаьхьенах – Шидауран кӀант Элицур;
6 ШимӀин тӀаьхьенах – Цура-Шидин кӀант Шелумиал;
7 ЯхӀудан тӀаьхьенах – Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;
8 Исраилан тӀаьхьенах – ЦуӀаран кӀант Натунаил;
9 Забулан тӀаьхьенах – Хьелонан кӀант Элиаб;
10 Юсупан кӀентех: Эпрайман тайпанах волу ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ а, Маннашан тӀаьхьенах волу Падацуран кӀант Гамлиал а;
11 Бен-Яманан тӀаьхьенах – ГидӀонин кӀант Авдани;
12 Данан тӀаьхьенах – Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар;
13 Ашаран тӀаьхьенах – Ӏухранан кӀант ПагӀиал;
14 Гадин тӀаьхьенах – ДаӀуалан кӀант Элъясайп;
15 Напталан тӀаьхьенах – Ӏайнанан кӀант АхьираӀ».
16 Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.
17 ЦӀераш яьхна и нах шайца дӀабигира Мусас а, АхӀарона а. 18 ШолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дӀагулдира цара. ТӀаккха халкъо цаьрга дӀадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цӀе дӀаязйора, 19 Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.
20 Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 21 Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бӀе стаг вара (46500).
22 ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 23 ШимӀин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе стаг вара (59300).
24 Гадин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 25 Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт стаг вара (45650).
26 ЯхӀудан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 27 ЯхӀудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе стаг вара (74600).
28 Иссарханан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 29 Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе стаг вара (54400).
30 Забулан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 31 Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе стаг вара (57400).
32 Юсупан кӀант волчу Эпрайман тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 33 Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бӀе стаг вара (40500).
34 Маннашан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 35 Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бӀе стаг вара (32200).
36 Бен-Яманан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 37 Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе стаг вара (35400).
38 Данан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 39 Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара (62700).
40 Ашаран тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 41 Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе стаг вара (41500).
42 Напталан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 43 Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
44 Уьш бара Мусас а, АхӀарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХӀора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш. 45 Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап. 46 Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550).
47 Ткъа левихой ца богӀура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа, 48 хӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: 49 «Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де. 50 Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегӀашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хӀуманна а тӀехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гӀуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дӀахӀоттабайта цаьрга. 51 Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тӀе левихойх воцу цхьа стаг тӀегӀортахь, иза вуьйр ву. 52 Исраилан тӀаьхьенах волу хӀорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, саца веза. 53 Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тӀехь оьгӀазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». 54 И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.
2Исраилхойн тайпанийн меттаметтанаш дӀанисдар
1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дӀахӀитто деза. ХӀора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дӀахӀотто беза.
3 Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона. 4 Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе тӀемало ву (74600).
5 ЯхӀудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ЦуӀаран кӀанта Натунаила. 6 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (54400).
7 ЯхӀудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кӀанта Элиаба. 8 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе тӀемало ву (57400).
9 ЯхӀудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе везткъе ялх эзар виъ бӀе стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дӀабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.
10 Къилбехьа йолчу агӀор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Шидауран кӀанта Элицура. 11 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бӀе тӀемало ву (46500).
12 Раабанан тайпанна юххехь ШимӀин тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кӀанта Шелумиала. 13 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе тӀемало ву (59300).
14 Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду РаӀалан кӀанта Элъясайпа. 15 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (45650).
16 Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бӀе шовзткъе итт стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шолгӀачу меттехь хир бу.
17 Цул тӀаьхьа гуламан четар а, иза дӀахьош долу левихойн тайпа а дӀагӀур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тӀаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дӀанисдина кеп ма-хиллара, дӀагӀур бу уьш. ХӀора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.
18 Малхбузехьа йолчу агӀор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа. 19 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (40500).
20 Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Падацуран кӀанта Гамлиала. 21 Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бӀе тӀемало ву (32200).
22 Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ГидӀонин кӀанта Авданис. 23 Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (35400).
24 Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе бархӀ эзар цхьа бӀе тӀемало ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дӀабоьлхуш кхоалгӀачу меттехь хир бу.
25 Къилбаседехьа йолчу агӀор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара. 26 Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе тӀемало ву (62700).
27 Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏухранан кӀанта ПагӀиала. 28 Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе тӀемало ву (41500).
29 Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа. 30 Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (53400).
31 Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе вуьрхӀитта эзар ялх бӀе тӀемало ву. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тӀаьххьарчу меттехь хир бу».
32 Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало вара (603550). 33 Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Исраилан тӀаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира.
34 Иштта Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дӀахӀуьттура уьш, ткъа иштта, хӀорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дӀабоьлхура уьш.
3АхӀаронан тӀаьхье
1 ХӀара ду АхӀаронан а, Мусан а тӀаьхьенах хилларг, Синай цӀе йолчу лам тӀехь Веза Эла Мусага вистхиллачу хенахь. 2- 3:2 Лелар 26:60. АхӀаронан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тӀаьхьа бина кӀентий бара АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 3 Уьш яра динан дай хиллачу Далла гӀуллакх дан леррина къобалбинчу АхӀаронан кӀентийн цӀераш. 4- 3:4 Ӏамалъяр 10:1, 2; Лелар 26:61. Надаб а, АбихӀу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цӀе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цӀе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхӀарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиӀазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гӀуллакх дора.
Левин тайпа къобалдар
5 Везачу Эло Мусага элира: 6 «Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхӀаронна хьалха дӀахӀиттабе, цаьрга цунна гӀуллакх дайтархьама. 7 АхӀаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. 8 Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегӀаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. 9 АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀало и левихой. Исраилан тӀаьхьенах уьш леррина АхӀаронан кара дӀабелларш бу. 10 АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гӀуллакх цаьрга лардайтархьама. И гӀуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гӀортахь, иза вуьйр ву».
11 Везачу Эло Мусага элира: 12 «ЛадогӀа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кӀентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу, 13- 3:13 Арадаккхар 13:2. хӀунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кӀентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву».
Левихой багарбар
14 Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 15 «Левин тӀаьхье шайн доьзалшца а, шайн тукхамашца а ягаръе. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу хӀора кӀант вагарве». 16 Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Цо тӀедиллинарг кхочуш а деш, уьш багарбира Мусас.
17 Левин кӀентийн цӀераш яра: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
18 ГӀиршанан тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаӀи.
19 КхахӀатан тӀаьхьенах болчеран цӀераш церан тукхамашца яра: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
20 Мерарин тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а.
Уьш Левин тӀаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина.
21 ГӀиршанах даьллера Ливанин а, ШамаӀин а тукхамаш. Уьш ГӀиршанах девлла тукхамаш дара. 22 Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхӀ эзар пхи бӀе боьрша стаг вара (7500). 23 ГӀиршанан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна тӀехьа, малхбузехьа агӀор, дӀахӀотто безара. 24 ГӀиршанан доьзалийн баьчча вара Лаалан кӀант Элъясайп. 25 ГӀиршанан тӀаьхьенах болчарна тӀедиллинера гуламан четаран иштта хӀуманаш Ӏалашъян: чухуларчу четаран а, тӀехуларчу четаран а, четарна тӀехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а, 26 четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолчу шаршуйн а, кертан кевнехь йолчу шаршун а, цаьрца доьзна долчу машшийн а. Цул сов, царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар.
27 КхахӀатах схьадаьллера Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тукхамаш. Уьш КхахӀатан тукхамаш дара. 28 Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархӀ эзар ялх бӀе стаг вара (8600). КхахӀатан тукхамна тӀедиллинера еза хӀуманаш ларъян. 29 КхахӀатан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна къилбехьа агӀор дӀахӀотто безара. 30 КхахӀатан доьзалийн баьчча вара Ӏузиалан кӀант Эли-Цапан. 31 Цара дола дан дезачунна юкъайогӀура хӀара хӀуманаш: Делан тӀорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гӀуллакх дан леррина язйина пхьегӀаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а.
32 Левихойн баьччанашна тӀехь волу баьчча вара динан да волчу АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар. Еза хӀуманаш Ӏалашъеш болчарна тӀехь куьйгалла дан къобалвинера иза.
33 Мерарих схьадаьллера Махьлин а, Мушхьин а тукхамаш. Уьш Мерарин тукхамаш дара. 34 Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бӀе стаг вара (6200). 35 Мерарин доьзалийн баьчча вара Абу-Хьаилан кӀант Цуриал. Цара шайн меттамотт Делан четарна къилбаседехьа агӀор дӀахӀотто безара. 36 Мерарин тӀаьхьенна дола де аьлларш хӀара хӀуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гӀирс а. Царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар. 37 Иштта цара дола дан дезара: гонахарчу кертан бӀогӀамийн а, церан баххийн а, машшаш чӀагӀдеш тухуш долчу дечиган хьостамийн а, машшийн а.
38 Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агӀор, гуламан четарна хьалхахь дӀахӀотто безара. Царна тӀедиллинера Делан четар лардар – иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гӀуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гӀоьртича, иза вен дезара. 39 Везачу Эло тӀедилларца Мусас а, АхӀарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000).
Дуьнен чу хьалха бевллачийн метта левихой хӀиттор
40 Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан тӀаьхьенах дуьнен чу хьалха бевллачу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан ерш багарбе, церан хӀораннан цӀе дӀа а язъеш. 41 Хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу исраилхойн метта левихой, дӀа а къастабай, Суна лерина хилийта. Со Веза Эла ву! Ткъа исраилхойн хьалха дуьнен чу даьллачу бежанийн метта левихойн бежанаш а Суна лерина хилийта». 42 Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, исраилхойн хьалха дуьнен чу бевлла берриге а кӀентий багарбира Мусас. 43 Уьш верриге а шайн цӀерашца дӀаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273).
44 Везачу Эло Мусага элира: 45 «Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву. 46 Левихойн барамал сов волчу исраилхойн хьалха дуьнен чу ваьллачу ши бӀе кхузткъе кхойтта кӀантана тӀера мах схьаэца. 47 Цхьана стагана тӀера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер+ 3:47 *Гер *– цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.* догӀу). 48 И ахча АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера дӀало». 49 Мусас схьаийцира оцу совбевллачу исраилхойн метта дӀалуш долу ахча. 50 И ахча схьаэцнера исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу нахана тӀера. Цхьа эзар кхо бӀе кхузткъе пхиъ шекхал дети ахча, дезачу шекхалан бараме хьаьжжина, схьаийцира царна тӀера. 51 Левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера, мах а белла, схьаэцна и ахча, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, АхӀароне дӀаделира Мусас.
4КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх
1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «Левин тӀаьхьенах долчу КхахӀатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 3 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. 4 КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тӀебехкина болу белхаш уггар езачу хӀуманашца боьзна бу.
5 Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тӀорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тӀорказна тӀетасийта. 6 Цул тӀаьхьа цу тӀорказна тӀе хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. Ткъа цунна тӀехула сийна бос болу тӀергӀан кӀади а тасий, тӀорказан хьокхий шен чӀагарех чекхдахийта.
7 Иштта даздина баьпкаш тӀехь долчу стоьла тӀе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тӀе бошхепаш, еш, боганаш, чагӀаран сагӀанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тӀехь. 8 Оцу массо а хӀуманна тӀехула цӀен басахь долу кӀади тӀедиллийта. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. ТӀаккха хьокхий стоьлан чӀагарех чекхдахийта.
9 Цул тӀаьхьа сийна бос болу тӀергӀан кӀади тасийта серло луш болчу стогарна тӀе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дӀасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тӀе. 10 И ерриг хӀума а, хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийтийта.
11 Дашочу кхерчана тӀе а тасийта сийна бос болу кӀади. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, кхерчан чӀагарех хьокхий чекхдахийта. 12 Делан четар чохь Ӏамал еш лело къастийна пхьегӀаш сийна бос болчу кӀадина юккъе дӀахьарчае, тӀаккха цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а йиллий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийта. 13 Чуьра юкъ дӀа а яккхий, сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а сирла-цӀен бос болу кӀади тасийта. 14 Цул тӀаьхьа кхерчана уллохь Ӏамал еш лелош йолу ерриг хӀума а схьагулъяйта: богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш, мӀерий, белаш, боганаш. И ерриге а хӀуманаш кхерча тӀехь йолчу сирла-цӀен бос болчу кӀадина тӀе яхкийта. ТӀаккха оцу хӀуманашна тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чӀагарех чекхдахийта. 15 АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Делан четар чуьра езачу хӀуманашна тӀе кӀадеш тасар чекхдаьллачул тӀаьхьа, меттамотт дӀабоккхучу хенахь, кхахӀатхой тӀебахкийта уьш дӀаяхьа. Амма езачу хӀуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама.
Делан четар чуьра и хӀуманаш КхахӀатан тӀаьхьенах болчу наха яхьа еза.
16 Динан да волчу АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а, хӀора дийнахь дахьаш долу кӀен сагӀа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хӀуманан а, пхьегӀийн а».
17 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 18 «Варелаш! Левихойн юкъара КхахӀатан тукхамийн гара дӀа ма даккхийталаш! 19 Уггар а езачу хӀуманашна тӀебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хӀара дан деза: АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хӀора кхахӀатхо шен гӀуллакх дечу метте дӀа а хӀоттош, цара дӀаяхьа еза хӀума гайта еза царна. 20 Амма кхахӀатхой, езачу хӀуманашка хьажархьама, ур-атталла бӀаьрганегӀар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама».
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх
21 Везачу Эло Мусага элира: 22 «ГӀиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина. 23 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 24 ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш гӀуллакх деш а, хӀуманаш дӀахьош а, хӀара дан деза: 25 гӀиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, 26 четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гӀирс а. Оцу хӀуманашца доьзна дан дезаш мел долу гӀуллакх а кхочушдан деза цара. 27 АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а омрица кхочушдан деза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчара шайна тӀедиллина муьлхха а гӀуллакх: хӀуманаш дӀахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дӀахьош мел йолчу хӀуманан дола дар тӀедилла царна. 28 Цу тайпана белхаш бан беза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».
Мерарин тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх
29 «Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 30 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 31 Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дӀаяхьа езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, 32 гонахарчу кертан бӀогӀамаш а, иштта церан баххаш а, чӀагӀдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гӀирс а, оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дӀаяхьа езачу хӀора хӀуманан, цуьнан цӀе а йоккхуш, хьесап де. 33 Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».
Левихойн багарбар
34 Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 35 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах, 36 шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт стаг вара (2750). 37 Уьш бара КхахӀатан тӀаьхьенах болу гуламан четарна лерина гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
38 Иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 39 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 40 шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бӀе ткъе итт стаг вара (2630). 41 Уьш бара ГӀиршанан тӀаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
42 Мерарин тӀаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а. 43 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 44 шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бӀе стаг вара (3200). 45 Уьш бара Мерарин тӀаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара. 46 Иштта Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тӀаьхьенах волу хӀора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а. 47 Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан а, четар дӀадахьа а магийтина болу берриге а нах 48 багарбича, бархӀ эзар пхи бӀе везткъа стаг вара (8580).
49 Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, уьш хӀора а шайн билгалдаьккхинчу гӀуллакхе дӀа а хӀиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.
5Далла гергахь цӀена боцурш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошна тӀедилла чкъураца дӀа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегӀах тӀуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дӀалахкар. 3 Иштта цӀена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама». 4 Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара.
Зуламаш дарна бекхам бар
5- 5:5-8 Ӏамалъяр 6:1-7. Везачу Эло Мусага элира: 6 «Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу 7 Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. 8 Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо. 9 Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дӀакъастийначух хӀума яхьахь, и сагӀа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогӀуш ю. 10 Иштта, Далла дӀакъастийнарг динан дена йогӀу. Цхьаммо совгӀатна хӀума яхьахь, иза а динан дена догӀу“».
Эмгараллех лаьцна бакъо
11 Везачу Эло Мусага элира: 12 «Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь зуда, майрачунна ямартло а йина, 13 иза шен майрачух лачкъа а дина, кхечу стагаца лелаш хилар цхьаммо гучудаккхахь (нахаца лелаш йоллучохь иза схьа ца лецира, хӀунда аьлча оцунна теш ца хилла), 14 цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло, цу зудчо ямартло ярна. Иштта, иза цхьана а стагаца ца леллехь а, цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло. 15 Цу стага, шен зуда динан дена тӀе а ялийна, цунна тӀера бархӀ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогӀу хӀума тоха ца еза. ХӀунда аьлча иза стага шен эмгараллина тӀера Везачу Элана лерина дахьаш долу кӀен сагӀа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагӀа ду.
16 Ткъа динан дас и зуда, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха дӀахӀотто еза. 17 ТӀаккха оцу динан дас деза хи, схьа а эцна, кхийра кхаби чу дотта деза. Цул тӀаьхьа, Делан четар чуьра цӀенкъара латта а даьккхина, иза цу кхаби чу таса деза. 18 И хӀума динчул тӀаьхьа, динан дас и зуда Везачу Элана хьалха дӀахӀоттор ю. ТӀаккха цу зудчун месаш дӀа а хецна, дагалацаран сагӀа – эмгараллина тӀера деана кӀен сагӀа – зудчун кара дӀалур ду динан дас. Ткъа динан ден карахь хир ду неӀалт тӀедоуьйту къаьхьа хи. 19 ТӀаккха динан дас, цу зудчуьнга харцдерг дийца мегар дац аьлла, чӀагӀо а йойтуш, эр ду: ‘Нагахь ахьа хьо марехь йолчу хенахь, кхечу стагаца а лелла, хьайн майрачунна ямартло ца йинехь, хӀокху неӀалт тӀедоуьйтучу хино хьуна цхьа а тайпана зе дийр дац. 20 Амма хьайн майрачунна ямарта а хилла, хьайн майра иза воццушехь, кхечу стагаца хьо леллехь, – 21 оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неӀалт кхайкхоран чӀагӀо йойтур ю, – Везачу Эло хьан халкъе хьуна неӀалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гӀогӀаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла+ 5:21 *Хьан гӀогӀаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла *– схьахетарехь, цуьнан маьӀна иштта ду: *хьан кхин цкъа а доьзалхо хир вац, ткъа хьо хӀинца доьзалхочух елахь, хьан бер, дуьнен чу а ца долуш, лийр ду.*. 22 НеӀалт тӀедоуьйту хӀара хи хьан дегӀа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гӀогӀаш а толхуьйтуш’.
ТӀаккха цу зудчо: ‘ Амин, иза иштта хуьлийла’, – ала деза.
23 НеӀалт хьажош долу и дешнаш динан дас кехат тӀе дӀаяздан деза, оцу хина тӀера дешнаш, кехат даша а дина, къаьхьачу хи чохь диса деза. 24 И хи цу зудчуьнга дӀамалийта деза. НеӀалт тӀедоуьйтучу цу къаьхьачу хино, цуьнан кийра а дахана, цуьнга Ӏазап хьегийта тарло. 25 Динан дас, эмгаралла хилар бахьанехь деана кӀен сагӀа зудчун карара схьа а эцна, Везачу Элана лерина хьала а айина, сагӀа доккхучу кхерчана тӀехьур ду. 26 Динан дас, сагӀина деанчу кӀен цхьа кана, дагалацаран сагӀа санна, схьа а эцна, кхерчана тӀе а диллина, дагор ду. Цул тӀаьхьа и хи зудчуьнга дӀамолуьйтур ду цо. 27 Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неӀалт тӀедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Ӏазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гӀогӀаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неӀалт а кхайкхош, цунах дӀадоьрзур ду. 28 Нагахь и зуда шен майрачунна хьалхахь бехке ца хиллехь, динан дас иза бехке йоцийла а хоуьйтур ду, цуьнан бераш а хир ду.
29 Иштта ю эмгаралла юкъаяьлча хила еза бакъо, нагахь зудчо, шен майрачунна ямартло а йина, къа латадахь, 30 я нагахь майрачун шен зудчух тешам байнехь, цо ямартло йина аьлла. Динан дас, и зуда Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоттийна, оцу бакъоно ма-бохху, дерриге а кхочушдан деза. 31 Майра цхьана а тайпана бехке хир вац, ткъа зуда, цо къа латийнехь, жоьпе озор ю“».
6Назархошна хӀиттийна бакъонаш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо+ 6:2 *Назархо *– ма-дарра аьлча, иза «ша къобалвинарг» ву.* хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, 3- 6:3 Лака 1:15. цо я чагӀар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагӀарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. 4 Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хӀума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хӀу а, чкъор а даа ца деза.
5 Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. 6 Иштта, ша Везачу Элана лерина къобалвинчу дерриге а деношкахь докъана юххе ваха а мегар дац и стаг. 7 Ур-атталла шен да я нана, ваша я йиша дӀакхелхича а, царах хьакха а велла, Далла гергахь ша бехван мегар дац цо, хӀунда аьлча ша Далла лерина къобалваран билгало ю цуьнан коьрта тӀехь. 8 Ша назархо хиларан дерриге а деношкахь иза Везачу Элан долахь ву.
9 Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цӀеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхӀалгӀачу дийнахь дӀабаша беза цо, хӀунда аьлча цу хенахь иза юха а цӀанлур ву. 10 БорхӀалгӀачу дийнахь динан дега иза гуламан четар чу волучу меттехь я ши къоркхокха, я ши кхокха дӀабала беза цо. 11 Цхьа кхокха къинан сагӀина, шолгӀаниг – дагоран сагӀина дӀаоьцур бу динан дас оцу стагана тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама, хӀунда аьлча оцу стага докъах хьакхаваларехула къа латийна. Оццу дийнахь шен корта юха а Далла лерина къобалбан беза цо. 12 ТӀаккха цо юха а ша Везачу Элана лерина къобалвеш долу назархо хиларан денош дӀадоло деза. Иштта, цу стага цхьа шо кхаьчна боьрша Ӏахар а беана, иза къера хиларан сагӀина дӀабала беза динан дега. Иза назархо хиларан цуьнан денош дӀадайна, и денош цо юха карладаха деза, ша, докъах а хьакхавелла, бехвелла дела.
13- 6:13-21 Векалийн 21:23, 24. Шен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хӀоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина, 14 Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагӀина цо бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Ӏахар. Къинан сагӀина а бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагӀина бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу ка. 15 Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш а.
16 Динан дас и ерриге а хӀума Везачу Элана уллояхьар ю, цул тӀаьхьа къинан сагӀа а, дагоран сагӀа а доккхур ду. 17 ТӀаккха совсазчу бедах дина бепиг чохь долу тускар а схьадахьар ду Везачу Элана лерина. Цуьнца цхьаьна ка а бахьар бу бертан сагӀина. Цунна доггӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀа а доккхур ду. 18 Гуламан четарна чуволлучохь Везачу Элана лерина йитина йолу месаш дӀа а йохуш, корта дӀабаша беза цо. Бертан сагӀина кӀелахь йолчу цӀерана тӀе йохкур ю и месаш.
19 Ша назархо хиларан билгало еш хилла йолу месаш дӀа а яьхна, цу стага шен корта дӀабаьшча, динан дас коьман кхехкийна тӀа цуьнан кара лур ду. Цул тӀаьхьа тускар чуьра цхьацца совсаза бепиг а, буткъа хьокхам а лур бу. 20 И ерриг хӀума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагӀа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гӀогӀ а иштта динан дена догӀу. Цул тӀаьхьа цу назархочо чагӀар мала мегар ду.
21 Иштта бу назархочунна богӀу товрат-хьехам. Ша назархо хиларна догӀу сагӀанаш даьхна а ца Ӏаш, шен таро елахь, цо Везачу Элана кхин сагӀанаш дахаран нигат дан а тарло. Ша нигат дарца чӀагӀо еш ма-хиллара, назархочун товрат-хьехаме хьаьжжина, иза кхочушдан деза цо“».
Динан дайша декъалдар
22 Везачу Эло Мусага элира: 23 «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а иштта дӀаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе:
24 Везачу Эло шу декъал а дойла,
Цо шу лар а дойла!
25 Везачу Эло Шен юьхь тӀера серло шуна лепайойла,
Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла!
26 Везачу Эло Шен юьхь шуна тӀе ерза а йойла,
Цо шуна синпаргӀато а лойла!“»
27 Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цӀе а йоккхуш, исраилхошна тӀехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».
7Исраилан халкъан тайпанийн куьйгалхоша сагӀина деанарг
1 Ша Делан четар дӀахӀоттийна ваьллачу дийнахь Мусас иза а, цу чохь мел йолу хӀума а, сагӀа доккху кхерч а, цуьнца мел болу гӀирс а, даьттанца къобал а бина, базбира. Цо и хӀуманаш ерриге а язйича, 2 шайн доьзалийн баьччанаш болу Исраилан халкъан куьйгалхой баьхкира. Халкъ дагардечу хенахь тайпанашна тӀехь куьйгалла деш берш бара уьш. 3 Цара Везачу Элана сагӀина лерина совгӀаташ деара: гата тоьхна йолу ялх ворда а, царах дӀабожа шишша сту а. Иштта, халкъан шина куьйгалхочо цхьацца ворда а еанера, ткъа хӀораммо а цхьацца сту а балийнера. Уьш Делан четарна хьалхахь дӀахӀоттийра цара. 4 Везачу Эло Мусага элира: 5 «Халкъан куьйгалхоша еанарг схьаэца. Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш болчаьрга лелаяйта уьш. Левихошка дӀало уьш, царна шаьш дечу гӀуллакха тӀехь оьшур ю и хӀуманаш». 6 Мусас, цаьргара ворданаш а, стерчий а схьа а эцна, уьш левихошка дӀаделира. 7 Ши ворда а, биъ сту а ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара кхочушдеш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 8 Йиъ ворда а, бархӀ сту а Мерарин тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара деш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. Царна массарна а тӀехьожуш вара динан да волчу АхӀаронан кӀант Итамар. 9 Ткъа КхахӀатан тӀаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хӀунда аьлча царна тӀедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дӀабоьлхучу хенахь четаран еза хӀуманаш шайн белшаш тӀехь дӀаяхьар.
10 СагӀа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгӀаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгӀаташ цара кхерчана хьалха дӀахӀиттадора. 11 Везачу Эло Мусага элира: «ХӀора дийнахь куьйгалхойх цхьаццанга сагӀа доккху кхерч къобалбарна лерина долу шен совгӀат даийта».
12 Хьалхарчу дийнахь яхӀудхойн тайпанах волчу Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона шен совгӀаташ деара. 13 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале+ 7:13 *Деза шекхал *– цхьа деза шекхал шийтта грамм барамал дара.* хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 14 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 15 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 16 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 17 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона деана совгӀаташ.
18 ШолгӀачу дийнахь иссарханхойн куьйгалхо волчу ЦуӀаран кӀанта Натунаила шен совгӀаташ деара. 19 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 20 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 21 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 22 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 23 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ЦуӀаран кӀанта Натунаила деана совгӀаташ.
24 КхозлагӀчу дийнахь забулхойн куьйгалхо волчу Хьелонан кӀанта Элиаба шен совгӀаташ деара. 25 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 26 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 27 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 28 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 29 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Хьелонан кӀанта Элиаба деана совгӀаташ.
30 ДоьалгӀачу дийнахь раабанхойн куьйгалхо волчу Шидауран кӀанта Элицура шен совгӀаташ деара. 31 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 32 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 33 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 34 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 35 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Шидауран кӀанта Элицура деана совгӀаташ.
36 ПхоьалгӀачу дийнахь шамӀахойн куьйгалхо волчу Цура-Шидин кӀанта Шелумиала шен совгӀаташ деара. 37 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 38 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 39 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар а беанера. 40 Къинан сагӀина цхьа бож еанера. 41 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Цура-Шидин кӀанта Шелумиала деана совгӀаташ.
42 ЙолхалгӀачу дийнахь гадахойн куьйгалхо волчу ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа шен совгӀаташ деара. 43 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 44 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 45 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 46 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 47 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа деана совгӀаташ.
48 ВорхӀалгӀачу дийнахь эпраймхойн куьйгалхо волчу ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа шен совгӀаташ деара. 49 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 50 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 51 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 52 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 53 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа деана совгӀаташ.
54 БорхӀалгӀачу дийнахь маннашхойн куьйгалхо волчу Падацуран кӀанта Гамлиала шен совгӀаташ деара. 55 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 56 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 57 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 58 Къинан сагӀина лерина цхьа бой еанера. 59 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бой, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Падацуран кӀанта Гамлиала деана совгӀаташ.
60 УьссалгӀачу дийнахь бен-яманхойн куьйгалхо волчу ГидӀонин кӀанта Авданис шен совгӀаташ деара. 61 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 62 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 63 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 64 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 65 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ГидӀонин кӀанта Авданис деана совгӀаташ.
66 УьтталгӀачу дийнахь Данахойн куьйгалхо волчу Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара шен совгӀаташ деара. 67 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 68 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 69 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 70 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 71 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара деана совгӀаташ.
72 ЦхьайтталгӀачу дийнахь Ашар-къоман куьйгалхо волчу Ӏухранан кӀанта ПагӀиала шен совгӀаташ деара. 73 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 74 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 75 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 76 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 77 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏухранан кӀанта ПагӀиала деана совгӀаташ.
78 ШуьйтталгӀачу дийнахь напталхойн куьйгалхо волчу Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа шен совгӀаташ деара. 79 Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 80 Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 81 Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 82 Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 83 Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа деана совгӀаташ.
84 Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагӀа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгӀаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамӀ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад. 85 ХӀора дато бошхепана даханера цхьа бӀе ткъе итт шекхал, ткъа хӀора дато боганна кхузткъе итт шекхал барамехь долу дети. Цу тайпана оцу пхьегӀашна даханчу детин барам бара, дезачу шекхале хьаьжжина, ши эзар диъ бӀе шекхал дети. 86 Шайна чохь хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь долчу шийтта кедах хӀора кедана даханера итт шекхал деши, дезачу шекхале хьаьжжина. Оцу дерриге а дашо кедашна даханера цхьа бӀе ткъа шекхал деши. 87 Дагоран сагӀина лерина деана дийнаташ дерриге а дара: шийтта старгӀа, шийтта ка, шаре баьлла шийтта Ӏахар. Царна йогӀуш йолу кӀен сагӀина лерина хӀуманаш цаьрца цхьаьна еанера. Иштта къинан сагӀина лерина еана шийтта бож а яра. 88 Ткъа бертан сагӀина лерина деанера хӀара: ткъе йиъ старгӀа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Ӏахар. Иштта яра, сагӀа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагӀина лерина еана хӀума.
89 Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дӀадохучу негӀарна тӀехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.
8Стогаран къуьданаш дӀахӀиттор
1- 8:1-4 Арадаккхар 25:31-40; 37:17-24. Везачу Эло Мусага элира: 2 «АхӀаронна тӀе а дуьллуш, цуьнга иштта дӀаала: „Ахь ворхӀ къуьда стогар чу дӀахӀотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта“». 3 АхӀарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта АхӀарона къуьданаш дӀахӀиттийра. 4 Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тӀекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.
Левихой Везачу Элана гергахь цӀанбар а, къобалбар а
5 Везачу Эло Мусага элира: 6 «Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цӀанбе. 7 Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу. 8 СтаргӀа а, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгӀа старгӀа къинан сагӀина схьаэца ахьа. 9 Левихой гуламан четарна хьалха дӀахӀиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дӀагулде цига. 10 Везачу Элана хьалха дӀахӀиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тӀе куьйгаш дахкийта. 11 Исраилхошна тӀера долу шатайпа сагӀа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхӀароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. 12 Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгӀанийн кортош тӀе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагӀа, шолгӀаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагӀа даккха деза, левихойн къинош дӀадахархьама.
13 АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а хьалха левихой дӀа а хӀиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа уьш. 14 Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дӀакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама. 15 Цул тӀаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хӀунда аьлча уьш, цӀан а бина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина къобалбина бу. 16 Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хӀора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна. 17- 8:17 Арадаккхар 13:2. Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хӀума: кӀентех а, бежанех а – Сан ду. ХӀунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кӀентех а, бежанех а, дерриг а хӀаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира. 18 ХӀинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэцна. 19 Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дӀадахийтархьама а. ТӀаккха бохам тӀебогӀур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича».
20 Мусас а, АхӀарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тӀе мел диллинарг. 21 Левихоша шайн догӀмаш а цӀандира, тӀера бедарш а йиттира. Цул тӀаьхьа АхӀарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагӀа санна хьала а айира, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цӀанбархьама. 22 Иза динчул тӀаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хӀиттира, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тӀедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара.
23 Везачу Эло Мусага элира: 24 «Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хӀора левихо Делан четарца доьзна долу гӀуллакх дан хӀотта веза. 25 Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гӀуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу. 26 Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гӀуллакх тӀехь шайн вежаршна гӀо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча – цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гӀуллакхе хьаьжжина».
9ШозлагӀа Пасахь
1- 9:1-5 Арадаккхар 12:1-13. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 2 «Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. 3 Цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, оцу гӀуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тӀедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». 4 Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. 5 Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша.
6 Царна юкъахь адамийн докъех куьг Ӏоттадаларца Везачу Элана гергахь бехделла адамаш а дара. Церан бакъо яцара цу дийнахь Пасахьан дезде даздан. Уьш цу дийнахь Мусана а, АхӀаронна а тӀебаьхкира. 7 Оцу наха Мусага элира: «Адамийн докъех куьг Ӏоттарна боьха ду тхо Везачу Элана гергахь. ХӀунда яц те тхан а бакъо исраилхошца цхьаьна билгалъяьккхинчу хенахь Везачу Элана лерина сагӀа даккха?»
8 Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хӀун олу ладугӀу аса».
9 Везачу Эло Мусага элира: 10 «Исраилхошка иштта дӀаала: „Нагахь шух я шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Ӏоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. 11 Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара. 12- 9:12 Арадаккхар 12:46; Яхьъя 19:36. Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, цуьнан даьӀахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гӀуллакх. 13 Ткъа ша цӀена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагӀа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву.
14 Шуна юкъахь Ӏаш тӀевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гӀуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тӀедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тӀевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».
Некъ гойтуш йолу марха
(Арадаккхар 40:34-38)
15 Делан четар дӀахӀоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тӀе марха хӀоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тӀехула йолу марха цӀе санна гуш яра. 16 Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тӀехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цӀе санна хуьлура. 17 Четарна тӀера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дӀахӀоттабора. 18 Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тӀехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. 19 Нагахь марха четарна тӀехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидӀа новкъа ца бовлура. 20 Наггахь и марха четарна тӀехь сецна кӀеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кӀезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. 21 Наггахь, сарахь тӀе а хӀуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Ӏуьйре тӀееача, марха хьалаайалора, тӀаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. 22 Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. 23 Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.
10Дато турбанаш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а. 3 И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. 4 Цхьа турба лекхча, исраилхойн хӀора эзар стагана тӀе хӀиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах. 5 Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хӀоттийна исраилхой гӀовтта беза. 6 ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза+ 10:6 *Грекийн гочдар тӀехь тӀетоьхна ду: *КхозлагӀа турба лекхча, хӀорд болчу агӀор болу исраилхой гӀовтта беза. ЙоьазлагӀа и лекхча, къилбаседехьа берш гӀовтта беза.*. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза. 7 Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш. 8 И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхӀаронан кӀентий бу. И гӀуллакх царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина хир ду. 9 Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду. 10 Бутт а цӀинбелла, я кхин долу деза денош тӀе а хӀиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».
Исраилхойн новкъа бахар
11 Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь тоьшаллин четарна тӀера марха хьалаайаелира. 12 Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.
13 Мусагахула Везачу Эло тӀедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой. 14 Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара. 15 Иссарханан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш ЦуӀаран кӀант Натунаил вара. 16 Забулан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш Хьелонан кӀант Элиаб вара.
17 Делан четар, вовшах а даьккхина, дӀадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГӀиршанан а, Мерарин а тӀаьхьенех болчу наха дӀадаьхьира иза.
18 Раабанан тӀаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Шидауран кӀант Элицур. 19 ШимӀин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кӀант Шелумиал. 20 Гадин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ДаӀуалан кӀант Элъясайп.
21 Царал тӀаьхьа КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах дӀабахара. Делан четарна кӀел хӀоттош долу дерриг а деза хӀума дара цара шайца дӀахьош. Уьш керла меттамотт болчу дӀакхачале, четар цигахь дӀахӀоттийнера.
22 Эпрайман тӀаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ вара церан куьйгаллехь. 23 Маннашан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш вара Падацуран кӀант Гамлиал. 24 Царал тӀаьхьа богӀучу Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ГидӀонин кӀант Авдани.
25 Байракх а айина, уггаре а тӀаьхьа арабевлларш Данан тӀаьхьенах болу нах бара. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар. 26 Ашаран тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏухранан кӀант ПагӀиал. 27 Напталан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏайнанан кӀант АхьираӀ. 28 Иштта дӀахӀоьттинчу кепаца дӀабоьлхура исраилхой тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца.
29 Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».
30 Амма Хьабаба элира: «Со ца вогӀу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тӀе дӀагӀур ву со».
31 ТӀаккха Мусас дехар дира: «Тхо дӀа ма тасахьа, хьуна дика евза хӀара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара. 32 Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».
Исраилхой новкъа бовлар
33 Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама. 34 Дийнахь уьш дӀабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тӀехула.
35- 10:35 Забур 67:2. Шаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура:
«ГӀаттахьа, Веза Эла!
ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий,
Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»
36 Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура:
«Юхаверзахьа, Веза Эла,
эзарнаш исраилхошна тӀе!»
11Везачу Элера йолу цӀе латар
1 Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро. 2 Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доӀа а дина, цӀе дӀаяйра. 3 Цу меттигах ТабӀера элира (иза «цӀе латар» бохучух тера ду), хӀунда аьлча Везачу Элан цӀе летира халкъана юкъахь цигахь.
Кхузткъе итт тхьамда
4 Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду? 5 Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чӀара дагабогӀу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха. 6 ХӀинца тхо холчохь ду, „ ман“ цӀе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хӀума яц».
7 (- 11:7, 8 Арадаккхар 16:31. Ораматан хӀу санна а йолуш, тӀехьаьжна сегӀазах тера яра и «ман». 8 Наха, арахула дӀабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка+ 11:8 *Мохк *– шена чохь хӀума отуш йолу пхьегӀа.* чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам. 9- 11:9 Арадаккхар 16:13-15. Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тӀе «ман».)
10 Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара. 11 ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хӀунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хӀунда вац те? ХӀокху халкъан берриг а бала суна тӀе хӀунда билли Ахьа? 12 Ас кийрахь лелийна хӀара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дӀахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тӀе“? 13 Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха. 14 Соьга цхьаьнга дӀа ца кхехьало хӀара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна. 15 ХӀара гӀуллакх Ахь суна тӀедуьллуш хилча, вей, дӀаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТӀаккха бала хьега дезар дац сан».
16 Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тӀехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тӀе схьавалаве. Хьайца цигахь дӀахӀиттабе уьш. 17 Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта. 18 Халкъе дӀаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цӀена хила, хӀунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Ӏаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг. 19 Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Ӏийр дац, 20 амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерӀуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хӀунда даьхна?’ – бохуш, делхарна а“».
21 Мусас элира: «Ялх бӀе эзар гӀашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“ 22 Дерриг а уьстагӀий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хӀорда чуьра берриг а чӀара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?»
23 Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хӀун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу».
24 Мусас, ара а ваьлла, халкъе дӀахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дӀахӀиттийра цо. 25 Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тӀе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хӀиттира нахана, амма юха а севцира.
26 Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь. 27 Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву».
28 И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гӀо деш волчу Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!»
29 Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дӀадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тӀе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». 30 Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дӀавахара Муса.
Лекъарчий а, ун а
31 Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира+ 11:31 *Лаьтта... охьахевшира *– я иштта: *Меттаматтана гонах Ӏохкура уьш, ерриг а аре дӀа а лаьцна. Муьлххачу а агӀор дийнахь некъ баллал дукха, цхьана шина – даларан барамехь дара уьш.*. 32 Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш. 33 Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана. 34 Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь. 35 Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.
12Маремана таӀзар дар
1 Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера. 2 Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира. 3 (Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)
4 Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира. 5 Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара. 6 Везачу Эло элира:
«ЛадогӀа Сан дешнашка!
Нагахь санна шун пайхамарш белахьара,
Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара,
я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.
7- 12:7 Ӏебархошка 3:2. Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу.
Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
8 Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до,
хӀетал-металш а ца далош.
Цунна Везачу Элан васт а го.
Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»
9 Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара. 10 Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! 11 ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна! 12 Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»
13 Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш.
14- 12:14 Лелар 5:2, 3. Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду». 15 Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира
131 Цул тӀаьхьа, Хьацерут цӀе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цӀе йолчу яьссачу арахь сецира.
Латта талла бахийтина нах
(Карлабаьккхинарг 1:19-33)
2 Везачу Эло Мусага элира: 3 «Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта». 4 Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цӀе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара. 5 Церан цӀераш хӀорш яра:
Раабанан тӀаьхьенах волу Закхуран кӀант ШамуӀ,
6 ШимӀин тӀаьхьенах волу Хьорин кӀант Шапти,
7 ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Епунин кӀант Килаб,
8 Иссарханан тӀаьхьенах волу Юсупан кӀант ИгӀал,
9 Эпрайман тӀаьхьенах волу Нунин кӀант ХӀушаӀ,
10 Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Рапун кӀант Палти,
11 Забулан тӀаьхьенах волу Содин кӀант Гадиал,
12 Маннашан тӀаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кӀант Гади,
13 Данан тӀаьхьенах волу Гималин кӀант Ӏамиал,
14 Ашаран тӀаьхьенах волу Микаалан кӀант Сатур,
15 Напталан тӀаьхьенах волу Вопсин кӀант Нахьби,
16 Гадин тӀаьхьенах волу Макин кӀант Гауал.
17 Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цӀераш. Нунин кӀантана ХӀушаӀана, ЮшаӀ аьлла, цӀе тиллира Мусас.
18 Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дӀахьажийра Мусас и нах канаӀанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегӀаб-яьссачу аренгахула а гӀой, лаьмнаш тӀе довла. 19 Цигара латта муха ду а хьовса, цу тӀехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кӀезиг ду? 20 И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гӀаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Ӏаш ду я дика чӀагӀйинчу гӀаланаш чохь дехаш ду талла. 21 Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гӀерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.)
22 Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира. 23 Меттамотт болчуьра дӀа а бахана, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гӀала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Ӏаьнакхан тӀаьхьенах+ 13:23 *Ӏаьнакхан тӀаьхьенах *– уьш даккхий догӀмаш долу, наьрташ санна, адамаш дара.* йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гӀала яра Мисар-махкарчу ЦоӀан-гӀаланал ворхӀ шо хьалха дӀахӀоттийна. 24 Уьш Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу баьхкира. Цигахь, дӀаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тӀера кемсийн хорха тӀехь йолу га хадийра цара. И га гӀуркхана тӀе дихкира, ткъа гӀуркх шина стага хьалаайина дӀабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара. 25 Оцу меттигна Ашкул+ 13:25 *Ашкул *– Ӏебархойн маттахь иза «кемсийн хорха» бохург ду.* цӀе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш.
26 Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. 27 Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. 28 Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш. 29 Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь. 30 НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».
31 Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».
32 Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» 33 Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш. 34- 13:34 Доладалар 6:4. Цигахь тхуна гира Ӏаьнакхан тӀаьхьенах схьабевлла болу даккхий догӀмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цӀоз долуш санна хетара тхуна, церан бӀаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».
14Исраилхойн резацахилар
1 Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ. 2 Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! 3 Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?» 4 Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш.
5 Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. 6 Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра. 7 Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду. 8 Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. 9- 14:9 Ӏебархошка 3:16. Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
10 ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха.
Мусас халкъах дехар дар
11 Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза? 12 Лен ун а кхетийтина, хӀаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цӀийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду».
13- 14:13-19 Арадаккхар 32:11-14. Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, 14 тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла. 15 Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: 16 „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, – аьлла. 17 Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: 18- 14:18 Арадаккхар 20:5, 6; 34:6, 7; Карлабаьккхинарг 5:9, 10; 7:9, 10. „Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц – таӀзар до Везачу Эло“. 19 Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».
20 Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. 21- 14:21-23 Ӏебархошка 3:18. Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас, 22 Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана, 23 Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза. 24 Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта. 25 Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».
Резацахиларна дина таӀзар
26 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 27 «Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. 28 ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. 29- 14:29 Ӏебархошка 3:17. ХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш, 30 Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург. 31 Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду. 32 Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. 33- 14:33 Векалийн 7:36. Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. 34 Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду. 35 Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».
36 Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш. 37 И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира. 38 Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира.
Лур ду аьлла долу латта дола даккха гӀортар
(Карлабаьккхинарг 1:41-46)
39 Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чӀогӀа гӀайгӀане дахана дара. 40 Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гӀалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чӀогӀа дохко а девлла. ХӀинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дӀагӀур ду тхо».
41 Амма Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллиначуьнга ла хӀунда ца дугӀу аша? ХӀара аша деш дерг эрна ду. 42 Ма гӀо цига, шаьш мостагӀашка хӀаллак ма дайта, хӀунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. 43 Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хӀунда аьлча шу Везачу Элах дӀадирзина, Иза шуьца хир вац».
44 Амма, цуьнга ла а ца доьгӀна, лам тӀе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тӀорказ а. 45 Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.
15СагӀанаш дахаран бакъонаш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Ӏийр долчу а лаьтта тӀе шу дахача, 3 аша цӀера тӀехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагӀанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагӀа даккха тарло, шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 4 Амма ша сагӀина лерина хӀума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кӀен сагӀа а дан деза: хӀинан+ 15:4 *ХӀин *– цхьа хӀин еа литаран барам бара.* доьалгӀа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархӀ кад тоьлла кӀен дама. 5 Дийнаташ дагоран я бертан сагӀа доккхучу хенахь хӀора Ӏахарца цхьаьна хӀинан бараман доьалгӀа дакъа чагӀар кечде, чагӀаран сагӀина лерина. 6 Ткъа шаьш сагӀина лерина ка балочу хенахь, кӀен сагӀина ялхитта кад кӀен дама а, цунах эдай, хӀинан кхоалгӀа дакъа долу зайтдаьтта а да, 7 иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа долу чагӀаран сагӀа а да. Оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 8 Нагахь дийнаташ дагоран сагӀина я бертан сагӀина, я Везачу Элана хьалха йинчу чӀагӀонан сагӀина лерина къона старгӀа ялош елахь, 9 оцу старгӀица цхьаьна кӀен сагӀа а дан деза: ткъе биъ кад кӀен дама а, цунах эдина хӀинан шолгӀа дакъа зайтдаьтта а. 10 Иштта хӀинан ахдакъа чагӀар а дан деза чагӀаран сагӀина. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
11 Иза делаш хӀоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагӀина сту а, ка а, Ӏахар я буьхьиг ялочу хенахь. 12 Иштта сагӀанаш тӀетоха деза аша хӀора дийнатна, церан терахье хьаьжжина. 13 Иштта гӀуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хӀораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цӀера тӀехь доккху сагӀа доккхучу хенахь. 14 Нагахь шуна юкъахь вехаш тӀевеана цхьаъ велахь, – кӀезиг ханна я ехачу ханна иза делахь, – ткъа Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа даккха цунна лаахь, цо а дан деза аша дийрриг. 15 Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тӀевеана Ӏаш волчунна а цхьатерра тӀедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тӀаьхьенна а тӀедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тӀебаьхкинарш а – цхьаъ ду. 16- 15:16 Ӏамалъяр 24:22. Цхьатерра товрат-хьехамаш а, тӀедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тӀевеанчунна а тӀедехкина“».
17 Везачу Эло Мусага элира: 18 «Исраилан халкъе иштта дӀаала: „Аса шаьш дӀадуьгучу махка шу чудевлча, 19 цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало. 20 Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагӀина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгӀат хир ду Везачу Элана. 21 Иза гуттара а дан дезаш долу хӀума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало аша а, шун тӀаьхьенаша а.
22 Ткъа нагахь, ларамаза гӀалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, – 23 уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тӀаьхьенашна тӀекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хӀун дан дезар ду? 24 Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цхьа старгӀа а, тӀедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха деза. Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож а ян еза 25 Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а. 26 Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а, и гӀалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.
27- 15:27, 28 Ӏамалъяр 4:27-31. Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагӀина шо кхаьчна йолу газа ян еза. 28 Цуьнан къинош дӀадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду. 29 Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гӀалат а бевлла, къа латадахь.
30 Исраилхойх я тӀебаьхкина Ӏаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дӀаваккха везаш ву, 31 хӀунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дӀа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“».
Шоьтан садаӀа де ца лардинарг
32 Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоӀучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира. 33 Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а халкъана а тӀевалийра иза. 34 И стаг набахти чохь сацийра, цунна хӀун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш. 35 Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тӀе тӀулгаш кхиссийта». 36 Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.
Чечакхах лаьцна бакъонаш
37 Везачу Эло Мусага элира: 38- 15:38 Карлабаьккхинарг 22:12. «Исраилан халкъе дӀахьедар де, цара шайн тӀеюхучу хӀуманийн маьӀигашна тӀехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьӀигашна тӀехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тӀекхуьучу тӀаьхьенаша а. 39 И чечакхаш шуна дӀагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дӀадерзош болчу шайн дегнийн а, бӀаьргийн а лаамашна тӀаьхьа шу ца хӀиттийтархьама а. 40 Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дӀакъастийна хилийтархьама а. 41 Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».
16Кхорахь а, Датан а, Абирам а карзахвалар
1 Левин тӀаьхьенах волчу КхахӀатан кӀентан Ицхьаран кӀант Кхорахь а, Раабанан тӀаьхьенах волчу Элиабан кӀентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатӀан кӀант Ана а 2 Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бӀе шовзткъе итт цӀеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. 3 Цара, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хӀунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?»
4 Шена и дӀахезча, Муса бертал охьавуьйжира. 5 ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву. 6 Амма хӀара гӀуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца. 7 Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цӀе а латаяй, хаза хьожа йогӀу сегӀаз цу чу дилла. ТӀаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!»
8 Кхорахье Мусас элира: «ЛадогӀа соьга, левихой! 9 Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дӀа а къастийна, Шена тӀеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гӀуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гӀуллакх дайтархьама а. Иза кӀезиг хета те шуна? 10 Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кӀентий болу хьан берриге вежарий а Шена тӀеозийна, ткъа хӀинца динан дайн дарже кхача гӀерташ ма ду шу! 11 Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхӀарон мила ву, аша цунна яппарш ян?»
12 Элиабан кӀентий Датанний, Абираммий шена тӀебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тӀе догӀур дац тхо! 13 Яьссачу арахь хӀаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кӀезиг хета те хьуна? Тхуна тӀехь олалла дан а лаьа хьуна? 14 Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бӀаьрса дайа воллу хьо? Ца догӀу тхо хьуна тӀе!»
15 Муса чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагӀина лерина дахьачу хӀумане дӀа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера».
16 Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дӀахӀитталаш. Хьо а, уьш а, АхӀарон а. 17 Аша хӀораммо а, богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаелаш – ши бӀе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхӀарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дӀахӀитто еза». 18 ХӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дӀахӀиттира уьш Мусаца а, АхӀаронца а цхьаьна. 19 Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дӀахӀиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира. 20 Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира: 21 «Шу оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар тохале Соьга уьш хӀаллакбайтархьама».
22 Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?»
23 Везачу Эло Мусага элира: 24 «Халкъе дӀаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хӀусамашна гонах йолчу меттера дӀадовла“».
25 Муса, хьала а гӀаьттина, Датанна а, Абирамна а тӀевахара, цунна тӀаьххье исраилхойн къаной а бахара. 26 Халкъе Мусас элира: «ХӀокху зуламечу нехан четаршна юххера дӀа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хӀуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». 27 Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дӀабевлира.
Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кӀенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара. 28 Мусас элира: «ХӀинца хӀокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: 29 нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. 30 Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла».
31 Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира. 32 Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира. 33 Шайн долахь мел хиллачу хӀуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дӀахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хӀаллак а хилла, дӀабевлира уьш. 34 Царна гонах хилла болу исраилхой, хӀокхара маьхьарий хьаькхча, дӀабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дӀа ма кхоллийла!» – бохуш.
35 Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.
Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш
36 Везачу Эло Мусага элира: 37 « Динан да волчу АхӀаронан кӀанте ЭлиӀазаре дӀаала: „Багийначу нехан карахь хилла йолу нойш схьагулъе, хӀунда аьлча и нойш язйина ю. Царна чуьра богуш болу кӀоранаш кхиссий дӀабахийта. 38 Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀелаца, хӀунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“». 39 Багийначу наха еана йолу и цӀестан нойш динан дас ЭлиӀазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тӀейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама, 40 Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.
АхӀарона халкъехьа гӀо даккхар
41 ШолгӀачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхӀаронна а реза доцуш дӀахӀоьттира. Цара бохура: «Аша хӀаллакдина Везачу Элан халкъ». 42 Мусана а, АхӀаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агӀор дӀабирзича, царна гира четарна тӀехула дӀахӀоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 43 Муса а, АхӀарон а гуламан четарна нийсса хьалха агӀор тӀевахара. 44 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 45 «ДӀа а хилий, оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар а тохале Соьга иза хӀаллакдайтархьама».
Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира. 46 Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». 47 Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхӀарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а дагош, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдора АхӀарона. 48 АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира – цамгаран ун сецира. 49 Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара. 50 Цамгаран ун сецначул тӀаьхьа АхӀарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тӀе юхавирзира.
17АхӀаронан заза даьккхина Ӏаса
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе. 3 АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза. 4 И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте. 5 Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
6 Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра. 7 Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.
8- 17:8-10 Ӏебархошка 9:4. ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо. 9 Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира. 10 Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а». 11 Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.
12 Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хӀаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хӀаллакдийр дуйла! 13 Везачу Элан четарна тӀе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»
18Динан дайшна а, левихошна а тӀедехкинарш
1 Везачу Эло АхӀароне элира: «Хьо а, хьан кӀентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Ӏаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Ӏеса хӀуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кӀенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гӀуллакхна дуьхьал дечу Ӏесаллина. 2 Иштта хьан дайн тӀаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кӀенташна а гӀо дайтархьама. 3 Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кӀел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цӀа чохь йолчу цхьана а хӀуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. 4 Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гӀуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тӀе а ма ваийта. 5 Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама. 6 Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгӀат санна, уьш хьан кара дӀабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх кхочушдайтархьама. 7 АхӀарон! Хьан а, хьан кӀентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагӀа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тӀехьа долчуьнца а доьзна долу гӀуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гӀуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тӀегӀортахь, иза вуьйр ву».
Динан дайшна кхачош долу дакъа
8 Везачу Эло АхӀароне элира: «Аса-Айса хьан кара дӀаделла Суна лерина деана совгӀаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хӀуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кӀенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дӀало. 9 Халкъо Суна сагӀина лерина еанчу уггар езачу хӀуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагӀина мел деанчух – кӀен а, я къинан а, я къера хиларан а сагӀина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кӀенташна а кхачош дерг ду. 10 Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагӀина лерина деанарг деза хӀума хилар.
11 Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза.
12 Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало. 13 Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цӀена мел волчун а бакъо ю иза даа.
14- 18:14 Ӏамалъяр 27:28. Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дӀа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду.
15 Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. 16 Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тӀера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догӀу). 17 Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а тӀера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дӀакъастийна ю. Церан цӀийн цинцаш кхерчана тӀетоха, ткъа мохь цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю. 18 Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагӀа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гӀогӀ а хьуна кхачош ма-хиллара.
19 Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало исраилхоша Суна сагӀина лерина дахьаш долу дерриг а совгӀаташ. Иза туьхана тӀехь чӀагӀбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тӀаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
20 Везачу Эло АхӀароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со.
21- 18:21 Ӏамалъяр 27:30-33; Карлабаьккхинарг 14:22-29. Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна. 22 ХӀинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. 23 Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, 24 хӀунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дӀалуш долу уьтталгӀа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“».
25 Везачу Эло Мусага элира: 26 «Левихошка, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана совгӀат санна дӀадала деза. 27 Аша дӀалуш долу и совгӀат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду – шун хьаьттах долу кӀа я шун муттдоккхургах даьккхина чагӀар санна. 28 Иштта, исраилхойн массо а уьтталгӀачу дакъойх аша а Везачу Элана совгӀат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгӀат динан дега АхӀароне дӀадала деза аша. 29 Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дӀадала дезаш дерг хир ду“. 30 Муса! Ахьа левихошка иштта дӀаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана дӀаделлачул тӀаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна. 31 Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза. 32 Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дӀалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгӀаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“».
19Далла хьалха цӀандеш долу хи
1 Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира: 2 «Везачу Эло шуна тӀедуьллуш долу товрат-хьехамна тӀера парзаш хӀорш ду: исраилхошка хьайна тӀе хьаьрса етт балабайта. Шена тӀехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тӀе дукъ диллаза а болуш хила беза иза. 3 Динан да волчу ЭлиӀазаре дӀало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду. 4 Динан дега ЭлиӀазаре, шен пӀелг цу аьттан цӀий чу а Ӏоттийтий, цуьнан цинцаш ворхӀазза гуламан четаран хьалха агӀор тӀе тохийта. 5 ТӀаккха, ЭлиӀазар юххехь а волуш, и етт берриге а багабайта. Цуьнан цӀока а, жижиг а, цӀий а, боьхаллаш а – уьш ерриш а яго еза. 6 Цул тӀаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а схьа а эцна, и ерриг а хӀума етт багочу цӀерга кхосса еза. 7 Шена тӀера хӀума а йиттина, шен дегӀ хица цӀан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 8 И етт багош хиллачо а шена тӀера хӀума а юьттуш, шен дегӀ хица цӀандан деза. Иза а сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 9- 19:9 Ӏебархошка 9:13. ЦӀена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цӀеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цӀандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагӀа лоруш ду. 10 Цу аттах бисина чим дӀагулбинарг а цӀанвала веза, шена тӀера бедарш а йиттина. Сарралц Далла хьалха цӀена хир вац иза. Исраилан халкъана а, цунна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза.
11 Адаман докъах хьакхавелларг ворхӀ дийнахь Далла хьалха цӀена хир вац. 12 КхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь цӀандаран хица тӀехьарсийта деза цо. ТӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ву. Ткъа ша кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь цӀан ца вайтинарг цӀена хир вац. 13 Докъах хьакха а велла, цӀано яран Ӏадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза. ЦӀандаран хин цинцаш оцу стагана тӀе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цӀена хир вац, цуьнан цӀена цахилар цунна тӀехь дуьсур ду. 14 Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дӀакхалхахь, цу чохь мел верг ворхӀ дийнахь боьха хир ву. 15 Иштта боьха хир ю шайна тӀехь негӀарш чӀагӀдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегӀаш а. 16 ТӀамехь вен а вийна, аренгахь Ӏуьллучух я Ӏожалла тӀееанчух, я деллачу адаман даьӀахкех, я кошах дӀахьакхавелларг муьлхха а ворхӀ дийнахь цӀена хир вац.
17 ЦӀена цахилар дӀадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тӀе керла хи дотта деза. 18 Ткъа цӀена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Ӏоьттина, четар тӀе а, цу чохь хиллачу пхьегӀашна а, адамашна а тӀе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьӀахкех, я тӀамехь вийначух, я ша дӀакхелхинчух, я кошах дӀахьакхавеллачу муьлххачунна а.
19 Ша цӀена волчо Далла хьалха цӀена воцучунна кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхӀалгӀачу дийнахь цо и стаг цӀанвинчул тӀаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегӀ цӀандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цӀена хир ву.
20 Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цӀан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза, Дела Ӏаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦӀанваларан хин цинцаш цунна тӀе ца тохарна, иза Далла хьалха цӀена вац. 21 Иза шуна гуттаренна а тӀедиллина ду. ЦӀанваларан хин цинцаш тӀетоьхначо шен тӀеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цӀанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву. 22 Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хӀума а боьха хир ю. Иза дӀахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».
20Кхадешехь хилларг
(Арадаккхар 17:1-7)
1 Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира. 2- 20:2-13 Арадаккхар 17:1-7. Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла, 3 Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! 4 Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? 5 ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» 6 Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха.
7 Везачу Эло Мусага элира: 8 «Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». 9 Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.
10 Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?» 11 Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.
12 Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».
13 Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.
Эдоман паччахьо исраилхой чекх ца бовлуьйту
14 Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. 15 Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. 16 Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. 17 Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“».
18 Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца».
19 Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь».
20 Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. 21 Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.
АхӀаронан кхалхар
22 Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш. 23 ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 24 «Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац. 25 Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала. 26 АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву». 27 Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш. 28- 20:28 Арадаккхар 29:29; Лелар 33:38; Карлабаьккхинарг 10:6. АхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира. 29 Массарна а хиира АхӀарон дӀакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.
21КанаӀанхой эшор
1- 21:1 Лелар 33:40. КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо. 2 ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла. 3 Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).
ЦӀестан лаьхьа
4- 21:4 Карлабаьккхинарг 2:1. ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда+ 21:4 *ЦӀечу хӀорда *– Ӏебархойн маттахь: *Эрзийн хӀорда.* тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра. 5- 21:5, 6 1 Коринтхошка 10:9. - 21:5 Арадаккхар 16:1-35. Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача+ 21:5 *И декъаза кхача *– цара буьйцург Мисар-махкара шаьш арадаьхначу хенахь Везачу Эло шайна белла, «манна» цӀе йолу кхача бу.*». 6 Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. 7 Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле. 8 Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». 9- 21:9 ТӀаьххьарнаш 18:4; Яхьъя 3:14. Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.
Муаба-махка некъ бар
10 Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой. 11 Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш. 12 Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш. 13 Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара. 14 Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь:
«Супа цӀе йолчу арара ВахӀаб-гӀала а,
Арнон-хин тогӀеш а,
15 цу тогӀийн Ӏар-гӀалина тӀейоьлхуш йолу,
Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».
16 Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна». 17 ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира:
«Хих хьалаюза, гӀу!
ДӀаала цунах илли!
18 Элаша а,
халкъан тхьамданаша а
шайн дарж гойтучу гӀожмашца а,
Ӏасанашца а яьккхина хӀара гӀу».
Яьссачу арара Матана олучу метте дӀабахара исраилхой. 19 Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара, 20 Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.
Сихьонна а, ӀовгӀана а тӀехь толам баккхар
(Карлабаьккхинарг 2:26–3:11)
21 Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: 22 «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо». 23 Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон. 24 Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша. 25 Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа. 26 Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. 27 Цундела боху илланчаша:
«Хьешбон-гӀала гӀо,
то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!
28- 21:28, 29 Ярми-ЯхӀу 48:45, 46. Сихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе
массанхьахула а чекхъелира.
Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала,
Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.
29 Къа ду хьан, Муаби-мохк!
Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо!
Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти,
йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.
30 Амма оха хӀаллакбина эмархой,
Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна,
Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц
бассийна церан мохк».
31 Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. 32 Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.
33 Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа. 34 Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». 35 Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
22Балакха БалиӀамна тӀе геланчаш бахийтар
1 Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт.
2 Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана. 3 Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх. 4 Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх. 5- 22:5 Лелар 31:8; 2 Кипин 2:15, 16. Балакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь+ 22:5 *Ӏамавхойн махкахь *– я иштта: *шен махкахь.* Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна. 6 Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта».
7 Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме. 8 БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира.
9 Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» – аьлла.
10 БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху: 11 „Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“».
12 Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».
13 Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван». 14 Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван».
15 ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха. 16 Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу. 17 Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“».
18 БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. 19 Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу».
20 Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь». 21 Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира.
БалиӀаман виркхела
22 БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама. 23 БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ. 24 Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. 25 Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира. 26 Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла. 27 Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира. 28 Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?»
29 БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!»
30 Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?»
БалиӀама жоп делира: «Дацара», – аьлла.
31 Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. 32 Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна. 33 Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра».
34 БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву».
35 ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.
Балакх, БалиӀам
36 Шена БалиӀам вогӀу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Ӏар-гӀали чу. 37 Шена БалиӀам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тӀе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хӀунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгӀат далалур дацара ткъа соьга?»
38 «Со хӀинца кхузахь ву-кх, – элира БалиӀама. – Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХӀунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дӀаала». 39 Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиӀам. 40 Балакха сагӀина лерина масех сту а, уьстагӀ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиӀамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.
БалиӀама дуьххьара бина Делера хаам
41 ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.
231 БалиӀама Балакхе элира: «Кхузахь сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечъяй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а балабе суна».
2 Балакха кхочушдира БалиӀама шега де аьлларг. Балакха а, БалиӀама а сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀе цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина доккхура. 3 БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара. 4 Цига Дела веара БалиӀамна хьалха. «Аса сагӀа доккху ворхӀ меттиг кечйина, – элира БалиӀама, – царна хӀоранна тӀехь цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина лерина багийна ас».
5 ТӀаккха Везачу Эло, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 6 БалиӀам юхавирзича, Балакх хӀинца а дийнаташ дагоран сагӀа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а.
7 Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама:
«Балакха со Арам-махкара схьавалийра,
муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира,
„Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна,
сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла.
8 Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна
аса муха кхайкхор ду неӀалт?
Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна
аса муха буллур бу сардам?
9 Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ,
лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга.
И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду,
кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.
10 Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ?
Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара?
Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а!
Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»
11 Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»
12 БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»
БалиӀама шозлагӀа бина Делера хаам
13 Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна». 14 Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.
15 БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш».
16 ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 17 БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?» 18 БалиӀама жоп делира:
«Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга!
ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!
19 Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту.
Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу.
Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза?
Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20 И халкъ декъалдар тӀедиллина суна.
Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21 Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац,
Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац.
Церан Веза Дела цаьрца ву!
Уьш баккхийберца кхойкхуш бу,
Иза шайн Паччахь хиларна.
22 Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ,
бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.
23 Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац,
Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац.
Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду,
Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“
24 И халкъ стен лом санна дӀахӀутту,
шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а,
ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а
лом санна хьалагӀотту иза».
25 Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де».
26 БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»
БалиӀама кхозлагӀа бина Делера хаам
27 ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!» 28 Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам. 29 «СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», – элира БалиӀама. 30 Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.
241 БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2 Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе. 3 БалиӀама хӀара дешнаш элира:
«БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,
сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
4 Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
5 Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш!
Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!
6 ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш,
хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш!
Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш!
Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!
7 Церан чийлакаш+ 24:7 *Чийлик *– иза ведар ду.* чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду,
церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду.
АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь.
Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!
8 Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ.
БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь.
Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо,
мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо,
шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.
9- 24:9 а: Доладалар 49:9; б: Доладалар 12:3. Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ.
Хьан доккхур дара иза меттах?
Хьо декъалвийриг декъала ву,
ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»
10 ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу. 11 Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех».
12 БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка: 13 Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»
БалиӀама шега Делера тӀаьххьара хилла хаам дӀабовзийтар
14 «ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». 15 БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира:
«БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,
Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
16 Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара,
Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
17 Суна иза го, амма иза хӀинцца дац.
Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац.
Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах.
Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара.
Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю,
ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
18 Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу,
шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду.
Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.
19 Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо,
ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».
20 Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира:
«Массо а къаьмнашна юкъахь
Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду,
амма эххар а иза дакъазадер ду!»
21 Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира:
«Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна.
Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.
22 Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду,
Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»
23 Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира:
«ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?
24 Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду.
Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь,
амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!»
25 БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара.
25Исраилхоша Шитим-меттехь цӀушна Ӏамалъяр
1 Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. 2 Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора. 3 Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана. 4 Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду». 5 Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хӀораммо а шайна юкъара БаӀал-ПаӀор-цӀунна Ӏамал ян буьйлабелларш байа».
6 Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. 7 Шена и дерриг а гича, динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. 8 Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. 9 Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.
10 Везачу Эло Мусага элира: 11 «Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. 12 Цундела ахьа Пайнехьасе дӀахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. 13 Цуьнга а, цуьнан ерриге тӀаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хӀунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дӀа а дохуьйтуш».
14 Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимӀин тӀаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кӀант Зимари вара иза. 15 Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цӀе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоӀ яра.
16 Везачу Эло Мусага элира: 17 «Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа, 18 хӀунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаӀор олучу меттехь хиллачу гӀуллакха тӀехь а, маданхойн баьччанан йоӀ йолчу Кузабица доьзна долчу гӀуллакха тӀехь а. ПаӀорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Ӏоьттина, йийнера».
26Исраилан халкъ шозлагӀа дагардар
1- 26:1-51 Лелар 1:1-46. Ун кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира: 2 «Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе». 3 Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира: 4 «Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве».
Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара:
5 Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, 6 Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. 7 Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730).
8 Палун кӀант вара Элиаб. 9 Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. 10 Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах. 11 Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.
12 ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой. 13 Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой. 14 Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).
15 Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой, 16 Озних – ознихой, Ӏерах – Ӏерихой, 17 Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой. 18 Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500).
19 Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера. 20 ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой. 21 Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой. 22 Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500).
23 Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех – пувахой, 24 Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой. 25 Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300).
26 Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой. 27 Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500).
28 Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.
29 Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой. 30 ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, 31 Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, 32 ШамидаӀах – шамидаӀхой, Хьепарах – хьепархой. 33 Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 34 Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700).
35 Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой. 36 Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой. 37 Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500).
Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца.
38 Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, 39 Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. 40 БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах – наӀаманхой. 41 Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600).
42 Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара. 43 Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400).
44 Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериӀах – бериӀхой. 45 БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой. 46 Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь. 47 Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
48 Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой, 49 Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой. 50 Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400).
51 Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).
52- 26:52-56 Лелар 34:13. Везачу Эло Мусага элира: 53 «ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина. 54 Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта. 55 Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. 56 Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».
57 Левихойн тӀаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГӀиршанах бевллера гӀиршанхой, КхахӀатах – кхахӀатхой, Мерарих – мерарихой. 58 Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахӀатан хилира кӀант Ӏамрам. 59 Ӏамраман зудчун цӀе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Ӏамраман а, Йохабадатан а ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. Иштта цхьа йоӀ а яра церан, цу шина кӀентан йиша йолу Марем. 60- 26:60 Лелар 3:2. АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 61- 26:61 Ӏамалъяр 10:1, 2; Лелар 3:4. Ткъа Надаб а, АбихӀу а велира, хӀунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цӀергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагӀа. 62 Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хӀунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
63 Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ. 64 Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. 65- 26:65 Лелар 14:26-35. Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.
27Цалпихьадан йоӀарий
1 Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 2 И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира: 3 «Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара. 4 Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».
5 Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира. 6 Везачу Эло Мусага жоп делира: 7- 27:7 Лелар 36:2. «Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде. 8 Ткъа Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, хӀара дӀахьедар де: „Нагахь цхьаннан кӀант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоӀана дӀадала деза. 9 Ткъа нагахь стеган йоӀ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дӀадала деза. 10 Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дӀадала деза цуьнан ден вежаршна. 11 Ткъа нагахь санна цу стеган ден вежарий ца хиллехь, и лаьттан дакъа цуьнан гаранехь уггаре а юххера волчу гергарчу стагана дӀадала деза, иза цуьнан дола а доккхуш. Веза Эла волчу Аса Мусана тӀедиллина ма-хиллара, исраилхошна юкъахь долу парз хир ду иза“».
Мусана тӀаьхьа ЮшаӀ дӀахӀоттар
(Карлабаьккхинарг 31:1-8)
12- 27:12-14 Карлабаьккхинарг 3:23-27; 32:48-52. Везачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. 13 Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара, 14 хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
15 Мусас Везачу Эле жоп делира: 16 «Ва Веза Эла, муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела, хӀокху халкъана тӀехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа, 17- 27:17 Сулим 22:17; Яхьазкхиал 34:5; Маттай 9:36; Марк 6:34. халкъ дӀадуьгун волу а, тӀом бечу хенахь нахана тӀехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Ӏу воцу жа санна ца дисийтархьама». 18- 27:18 Арадаккхар 24:13. ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кӀантана ЮшаӀана хьайн куьйгаш тӀедахка. 19 Иза, динан дена ЭлиӀазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дӀа а хӀоттавай, царна хьалха урхаллин гӀуллакх дарна къобалве. 20 Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь хилийтархьама. 21- 27:21 Арадаккхар 28:30; Шамъал 14:41; 28:6. ЮшаӀ динан да волчу ЭлиӀазарца воьзна хир ву, хӀунда аьлча ЮшаӀана тӀера ЭлиӀазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цӀе йолчу безачу тӀулгаца. Везачу Элан тӀедилларца ЮшаӀ а, дерриге а Исраилан халкъ а тӀаме дӀагӀур ду я юхадоьрзур ду». 22 Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира Мусас. Динан дена ЭлиӀазарна а, дерриг халкъана а хьалха дӀахӀоттийра цо ЮшаӀ. 23- 27:23 Карлабаьккхинарг 31:23. ЮшаӀана тӀе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара.
28ХӀора дийнахь доху сагӀанаш
(Арадаккхар 29:38-46)
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“.
3 Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар. 4 Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг – суьйранна. 5 ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама. 6 Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 7 Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза. 8 Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».
Шоьтан дийнахь доху сагӀанаш
9 «Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а. 10 ХӀора дийнахь доккхучу сагӀина а, цуьнца догӀучу чагӀаран сагӀина а тӀетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагӀа ду иза».
Бутт цӀинлучу хенахь доху дагоран сагӀанаш
11 «ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар. 12 ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама. 13 Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 14 ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь. 15 Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».
Пасахьан дезачу дийнахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:5-14)
16- 28:16 Арадаккхар 12:1-13; Карлабаьккхинарг 16:1, 2. «Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. 17- 28:17-25 Арадаккхар 12:14-20; 23:15; 34:18; Карлабаьккхинарг 16:3-8. Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. 18 Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 19 ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. 20 Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 21 ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 22 Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 23 ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш. 24 Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш. 25 Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».
Ялта чудерзоран дезачу денна лерина доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:15-22)
26- 28:26-31 Арадаккхар 23:16; 34:22; Карлабаьккхинарг 16:9-12. «Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 27 Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. 28 Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, 29 ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а. 30 Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 31 Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».
29Локхучу маӀийн деза де
(Ӏамалъяр 23:23-25)
1 «ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна. 2 Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 3 Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 4 ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама. 5 Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама. 6 Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».
Къинош дӀадахаран дийнахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:26-32)
7- 29:7-11 Ӏамалъяр 16:29-34. «Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. 8 Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 9 Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 10 Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама. 11 Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша».
Кхалорийн дезачу деношкахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:33-44)
12- 29:12-38 Ӏамалъяр 23:34; Карлабаьккхинарг 16:13-15. «ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша. 13 Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 14 Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама, 15 бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 16 Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш.
17 ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 18 СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара. 19 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
20 КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 21 Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара. 22 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
23 ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 24 Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. 25 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
26 ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 27 Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. 28 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
29 ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 30 Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина. 31 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
32 ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 33 Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. 34 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
35 БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 36 Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 37 Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. 38 Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.
39 Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш».
301 Везачу Эло шена тӀедиллинарг дерриге а дӀадийцира Мусас Исраилан халкъе.
Нигат дарх лаьцна
2 Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хӀара тӀедуьллу: 3- 30:3 Карлабаьккхинарг 23:21-23; Маттай 5:33. Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тӀе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо.
4 Нагахь шен ден цӀахь Ӏаш йолчу йоӀстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, 5 ткъа цу йоӀан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан цо дехкар дӀахезча, дуьхьало а ца еш иза ӀадӀийча, йоӀа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хӀума а кхочушдан деза. 6 Ткъа нагахь цу йоӀан дена, и хӀума дӀа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоӀа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хӀума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоӀан дас цунна дуьхьало йина дела.
7 Нагахь и йоӀ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тӀехь доллушехь, 8 ткъа цуьнан майрачо, шена и дӀахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоӀа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушъян езаш ю. 9 Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду.
10 Йисина я дӀакъаьстина Ӏаш йолчу зудчо дина нигат – шен сих цо ша йихкина муьлхха а чӀагӀо – кхочушъян езаш ю. 11 Нагахь зудчо шен майрачун цӀентӀехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, 12 ткъа майрачунна иза дӀахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушхир ю. 13 Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дӀахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чӀагӀо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хӀума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду. 14 Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хӀума ца дан цо йина муьлхха чӀагӀо а тӀеэца а, тӀе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун. 15 Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чӀагӀонаш а тӀечӀагӀйо, шена дӀахезча, цунах лаьцна хӀумма а ца олуш, ша иза Ӏадйитина дела. 16 Ткъа нагахь шена и дӀахезча, тӀаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чӀагӀонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву».
17 Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цӀахь Ӏаш йолчу цуьнан йоӀана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тӀедехкина долу парзаш.
31Маданхошна бекхам бар
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву».
3 Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш. 4 Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве».
5 Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо. 6 ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а. 7 Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. 8 Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца.
9 Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара. 10 Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра. 11 Шаьш схьаяьккхина ерриг хӀума а, шайн хӀонс а – адамашна тӀера хьайбанашна тӀекхаччалц йолу ерриге а хӀума – схьа а эцна, 12 Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, Исраилан халкъана а тӀеяьхьира цара.
ТӀемалой юхаберзар
13 Муса а, динан да ЭлиӀазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тӀамера юхабирзинчу тӀемалошна дуьхьалбахара. 14 Муса оьгӀазвахара тӀамера цӀа бирзинчу тӀеман хьаькамашна – эзарна а, бӀенна а тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна. 15 Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хӀунда битина аша? 16- 31:16 Лелар 25:1-9. БалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера. 17 Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а. 18 Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоӀарий шайна дийна бита. 19 Ткъа хӀинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дӀа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхӀ де даккха, ткъа кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь шаьш а цӀанло, шайн йийсарехь берш а цӀанбалийта. 20 Ерриг а бедарш йитта, тӀаьрсигах а, гезарийн тӀергӀах а йина йолу ерриг хӀума а цӀанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегӀаш а цӀанъе».
21 Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду: 22 деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а, 23 дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха. 24 Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».
ХӀонс екъар
25 Везачу Эло Мусага элира: 26 «Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц. 27 И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь. 28 ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ – адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь. 29 Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина. 30 Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца – адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш». 31 Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а.
32 ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат, 33 доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат, 34 кхузткъе цхьа эзар вир, 35 цкъа а стагах кхетаза болчу зударех – ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг. 36 ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат 37 (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара), 38 доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара), 39 ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра), 40 ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара). 41 Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Цунна совгӀатна лерина йолу ял динан дега ЭлиӀазаре дӀаелира.
42 ТӀемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дӀакъастийра Мусас. 43 Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогӀура: жимачу даьхних кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат а, 44 Хьайба ткъе ялхитта эзар дара. 45 Вир яра ткъе итт эзар пхи бӀе. 46 Адам ялхитта эзар дара. 47 Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дӀаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀаделира.
48 Эскаран тобанашна тӀехӀиттийна болу эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаш Мусана тӀебаьхкира. 49 Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тӀемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац. 50 Оха Везачу Элана сагӀина лерина хӀораммо а ша схьаяьккхинчух хӀума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хӀуманаш: зӀенаш а, пхьаьрсах духку хӀазарш а, пӀелгах духку мухӀарш а, лергах ухку чӀагарш а, коча ухку хӀуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дӀабалархьама». 51 Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а деших йина йолу ерриг а хӀуманаш дӀаийцира. 52 Эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгӀатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт шекхал бара. 53 ТӀемалоша йоккхуш йолу хӀонс хӀораммо а шена йоккхура. 54 Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна.
32Йордан-хина малхбалехьа даха ховшур долу тайпанаш
(Карлабаьккхинарг 3:12-22)
1 Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна. 2 Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира: 3 «Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш 4 тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду». 5 Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».
6 Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду? 7 Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан? 8- 32:8, 9 Лелар 13:18-34. Аса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза. 9 Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш. 10- 32:10-13 Лелар 14:26-35. Цу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира: 11 „Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела. 12 Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“. 13 Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц. 14 Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна. 15 Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу». 16 Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю. 17 Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха. 18 Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо. 19 ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».
20 Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, 21 нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, 22 нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. 23 Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду! 24 Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».
25 Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг. 26 Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду. 27 Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».
28- 32:28-32 Якъуба 1:12-15. Мусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. 29 Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тӀамана кийча волу хӀорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола. 30 Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош».
31 Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. 32 Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».
33 Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а. 34 Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер, 35 Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа, 36 Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара. 37 Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим, 38 иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара. 39 Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира. 40 Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. 41 Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо. 42 Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а дӀалецира. Оцу гӀалина, Нобахьа аьлла, цӀе тиллира цо.
33Мисар-махкара Муаби-махка тӀекхаччалц болу некъ
1 ХӀорш ю Мусан а, АхӀаронан а куьйга кӀел а далош, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хӀиттийна меттигаш. 2 Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цӀераш дӀаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хӀорш ю:
3 РаӀамсас-гӀалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой. 4 Цу хенахь Везачу Эло хӀаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дӀабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.
5 Цу тайпана, РаӀамсасера ара а даьлла, Сакхат цӀе йолчу меттигехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра Исраилан халкъо.
6 Сакхатара дӀа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
7 Атамера ара а бевлла, БаӀал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХӀахьират йолчу дӀабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
8 Пи-ХӀахьиратера ара а бевлла, хӀорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цӀе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цӀе йолчу меттигехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
9 Марра цӀе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
10 Элимера дӀа а бахана, Эрзийн-хӀордана уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
11 Эрзийн-хӀордана уллора дӀа а бахана, Син цӀе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
12 Син-яьссачу арара дӀа а бевлла, Дупикха цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
13 Дупикхара дӀа а бахана, Алуш цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
14 Алушера дӀа а бахана, Рапидам цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.
15 Рапидамера дӀа а бахана, Синай-яьссачу арахь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
16 Синай-яьссачу арара дӀа а бевлла, Кхиброт-ХӀатаъву цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
17 Кхиброт-ХӀатаъвуэра дӀа а бахана, Хьацерут цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
18 Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
19 Ритмера дӀа а бахана, Римун-Парац цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
20 Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
21 Либнера дӀа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
22 Рисера дӀа а бахана, КхахӀилатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
23 КхахӀилатера дӀа а бахана, Шапар-лам тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
24 Шапар-лам тӀера дӀа а бахана, ХӀаридехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
25 ХӀаридера дӀа а бахана, Макхи-ХӀалут цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
26 Макхи-ХӀалутера дӀа а бахана, Тахьатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
27 Тахьатера дӀа а бахана, ТӀахьирехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
28 ТӀахьирера дӀа а бахана, Миткъехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
29 Миткъера дӀа а бахана, Хьашмунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
30 Хьашмунера дӀа а бахана, Мосиратехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
31 Мосиратера дӀа а бахана, Баней-ЯӀакханехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
32 Баней-ЯӀакханера дӀа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
33 Хьор-Хьагид-Гадера дӀа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
34 Ютбатера дӀа а бахана, Ӏабрунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
35 Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
36 Ӏецйон-ГӀебарера дӀа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цӀе йолчу меттехь, дӀахӀоттийра цара.
37 Кхадеш-меттера дӀа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХӀор-лома тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
38- 33:38 Лелар 20:22-28; Карлабаьккхинарг 10:6; 32:50. Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь. 39 АхӀаронан цхьа бӀе ткъе кхо шо дара, иза ХӀор-лома тӀехь дӀакхелхинчу хенахь.
40- 33:40 Лелар 21:1. КанаӀан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародана дӀахезира, Исраилан халкъ схьадогӀуш ду аьлла.
41 ХӀор-лома тӀера дӀа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
42 Цалмунера дӀа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
43 Пунонера дӀа а бахана, Обатехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
44 Обатера дӀа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
45 Ӏий-Ӏабаримера дӀа а бахана, Дибон-Гадехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
46 Дибон-Гадера дӀа а бахана, Ӏалмун-Диблатайм цӀе йолчу меттигехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
47 Ӏалмун-Диблатаймера дӀа а бахана, Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
48 Ӏабарим-лаьмнашкара дӀа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт. 49 Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гӀалина тӀера Абал-Шитаймана тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь дӀахӀиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.
Йордан-хил дехьадалале халкъана бина хьехамаш
50 Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь: 51 «Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка дӀакхаьчча, 52 цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш. 53 И латта шайн дола а даккхий, цу тӀехь даха охьаховша, хӀунда аьлча и латта Аса шуна дӀаделла, иза шун дола даккхийтархьама. 54- 33:54 Лелар 26:54-56. Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дӀадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀадекъа и латта. 55 Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дӀа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бӀаьргашна кӀохцалан коьллаш а, шун агӀонаш тӀе Ӏиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна. 56 ТӀаккха Айса царна дан леринарг шуна дийр ду Аса“».
34Везачу Эло лур бу аьллачу мехкан дозанаш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду: 3 къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду. 4 Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду. 5 Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш.
6 Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.
7 Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц. 8 ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош. 9 Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.
10 Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц. 11 Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. 12 Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц.
Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».
13- 34:13 Лелар 26:52-56. - 34:13-15 ЮшаӀ 14:1-5. Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, 14 хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна. 15 Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».
Латта декъа дӀахӀиттийна куьйгалхой
16 Везачу Эло Мусага элира: 17 «Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а. 18 ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта. 19 Церан цӀераш хӀорш ю:
ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву;
20 ШимӀин тайпанна – ӀамихӀудан кӀант Шамуал;
21 Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кӀант Эли-Дада;
22 Данан тайпанна – ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай;
23 Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кӀант Хьаниал;
24 Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кӀант волу эла Къамуал;
25 Забулан тайпанна – Парнакан кӀант Эли-Цапан;
26 Иссарханан тайпанна – Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал;
27 Ашаран тайпанна – Шалумин кӀант АхьъяхӀуд;
28 Напталан тайпанна – ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил».
29 КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.
35Левихошна дӀаяла билгалъяьхна гӀаланаш
1- 35:1-8 ЮшаӀ 21:1-42. Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина уллохула догӀучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошна тӀедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тӀехь йолчу гӀаланех цхьаерш левихошна дӀаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гӀаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дӀадала деза цара. 3 Иштта, левихойн долахь гӀаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. 4 ГӀаланашна гонахара, аша левихошна дӀадала деза дежийлаш, гӀаланийн пенашна тӀера дӀадуьстича, массо а агӀор цхьацца эзар дол хила деза. 5 ГӀаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дӀадуста, ткъа гӀаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гӀаланашна гонах долу дежийлаш. 6 Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна. 7 Аша левихошна дӀаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархӀ гӀала. 8 Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».
ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш
(Карлабаьккхинарг 19:1-13; ЮшаӀ 20:1-9)
9- 35:9-28 Карлабаьккхинарг 19:2-4; ЮшаӀ 20:1-9. Везачу Эло Мусага элира: 10 «Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка чу дахча, 11 оцу гӀаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дӀалачкъа гӀаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дӀавада мега. 12 И гӀаланаш бекхам лоьхучух дӀалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама. 13 Ткъа аша оцу гӀуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гӀала хила еза. 14 Кхо гӀала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаӀан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀаланаш. 15 Исраилан халкъана а, тӀевеанчунна а, тӀе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хӀорра а бекхам лоьхучух дӀалачкъа цига дӀавада тарло.
16 Нагахь цхьаммо адам даллал чӀогӀа цунна тӀе аьчка хӀума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! 17 Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тӀулг а хилла, цо адам даллал чӀогӀа тӀе тӀулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 18 Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хӀума карахь а йолуш, стаг валлал чӀогӀа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 19 ЧӀир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву.
20 Нагахь стаг валлал чӀогӀа цхьаммо иза дӀатеттинехь я вен дагахь цунна тӀе хӀума кхоьссинехь, 21 я нагахь, шен цхьана стагаца мостагӀалла долу дела, иза валлал цунна тӀе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чӀир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.
22 Амма нагахь цхьаммо шен мостагӀалла доццушехь, цхьаъ дӀататтахь я дагахь а доцуш цунна тӀе цхьа хӀума тӀекхоссахь, 23 я нагахь цу стагаца шен мостагӀалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тӀулг цунна тӀе цо божабахь, иза вала там бу. 24 ТӀаккха хӀокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цӀий Ӏанорна чӀир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. 25 Стаг вийнарг халкъо чӀир йоькхуш волчух кӀелхьарваккха а веза, иза дӀалечкъина хиллачу гӀала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дӀакхалххалц. 26 Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гӀалин дозанашкахула араваьллехь, 27 иза чӀир йоькхучунна цу гӀалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чӀир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тӀехь цӀий Ӏаноран бехк хир бац. 28 ХӀунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гӀалахь Ӏан везаш вара, динан коьрта да дӀакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дӀакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду. 29 ХӀара тӀедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тӀаьхьенашна.
30- 35:30 Карлабаьккхинарг 17:6; 19:15. Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза. 31 Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву. 32 Нагахь стаг дӀалочкъийла йолчу гӀала дӀаведдехь, динан коьрта да дӀакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Ӏан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца. 33 Шаьш тӀехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хӀунда аьлча цӀий Ӏаноро латта бехдо. ЦӀий Ӏанийначун цӀий Ӏанадаро бен шена тӀехь цӀий Ӏанийна долчу лаьттан къа дӀа ца доккху. 34 Шена тӀехь Со Ӏаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хӀунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Ӏаш ву“».
36ЙоӀаршна кхачош долчу лаьттан дакъойх лаьцна
1 Юсупан кӀентан Маннашан кӀант волчу Макиран кӀентан ГалӀадан тӀаьхьенийн куьйгалхоша, тӀе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш, 2- 36:2 Лелар 27:7. элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тӀедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тӀедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоӀаршна далар. 3 Нагахь санна и йоӀарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гӀахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дӀа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дӀадер ду и латта. 4 Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахӀитторан шо тӀекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТӀаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дӀадер дара».
5 Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тӀаьхьенах долчу гарано. 6 Цалпихьадан йоӀаршца доьзна Везачу Эло иштта тӀедуьллу: „Шайн бӀаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза. 7 Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хӀунда аьлча исраилхойх волу хӀорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза. 8 Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоӀ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хӀоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама. 9 Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан хӀора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».
10 Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоӀарша. 11 Цалпихьадан йоӀарий – Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуӀат – шайн ден вежарийн кӀенташка маре бахара. 12 Юсупан кӀентан Маннашан тӀаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.
13 Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тӀедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.