Нахьми-ЯхӀун
тептар
Дешхьалхе
Нахьми-ЯхӀун тептар деа декъе декъа тарло: 1) Нахьми-ЯхӀу Ярушалайм-гӀала юхаверзар. Парсихойн паччахьо иза цига дӀавахийтар, ЯхӀуд-махкана тӀехь куьйгалла дайтархьама (1-2 кортош); 2) Ярушалайман пенаш юхаметтахӀиттор (3-7 кортош); 3) Дала белла товрат-хьехамаш нахана хьалха Ӏезара дӀабешар а, ша летийначу къиношна халкъ къера хилар а (8-10 кортош); 4) ЯхӀуд-мехкан куьйгалхочо санна Нахьми-ЯхӀус дина кхидолу хӀуманаш (11-13 кортош).
Нахьми-ЯхӀу кӀоргга Делах везаш хилар а, дерриг а доӀанаш цо Цуьнга деш хилар а тептар тӀехь къаьсттина гуш ду.
11 ХӀара дешнаш Хьахли-ЯхӀун кӀант волчу Нахьми-ЯхӀун ду:
Ярушалайм бахьана долуш Нахьми-ЯхӀу гӀайгӀанехь Ӏаш хилар
Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гӀалин гӀопахь нисвеллера. 2 Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхӀуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кӀелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхӀудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса. 3 Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кӀелхьарбаьхна болу яхӀудхой шайн махкахь бехаш, чӀогӀа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Ӏаш бу. И массо а хӀума Ярушалайман пенаш дохийна дӀадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». 4 И хӀума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доӀанаш дора аса. 5 ТӀаккха сайн доӀанехь аса дийхира:
«Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! 6 Хьан лергаш ладугӀуш хуьлийла, Хьан бӀаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доӀа деш волчу Хьайн лай волчу сан доӀа дӀахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богӀуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукӀарло до аса. 7 Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дӀаделла долу весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха. 8- 1:8 Ӏамалъяр 26:33. Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду. 9- 1:9 Карлабаьккхинарг 30:1-5. Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
10 Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргӀатдаьккхина долу. 11 Ва Хьалдолу Эла, Хьан цӀеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доӀанашка дикка ладогӀахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш».
Со паччахьан чагӀардуттург вара.
2Нахьми-ЯхӀу Ярушалайме дӀавахар
1 Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, 2 цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хӀунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гӀайгӀане хилар».
Со чӀогӀа кхеравелира. 3- 2:3 2 Шерашкахь 36:19; Ярми-ЯхӀу 52:12-14. ТӀаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГӀайгӀанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дӀабоьхкина йолу гӀала йохийна лаьтташ хилча, цу гӀалин кевнаш а дагийна хилча!»
4 ТӀаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хӀун лаьара?»
Айса жоп далале, аса стигаларчу Деле доӀа дира. 5 Цул тӀаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхӀуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гӀала а вахана, и гӀала юхаметтахӀоттор яра аса».
6 ТӀаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Ӏаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогӀур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дӀааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта.
7 Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхӀуд-махка со маьрша дӀакхачийтархьама. 8 Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цӀа долчохь йолчу гӀопан кевнаш а, гӀалин пен а, со чохь Ӏийр волу цӀа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хӀума суна делира.
9 Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дӀаделира аса. Паччахьо соьца тӀемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера. 10 И хӀума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а чӀогӀа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар.
Нахьми-ЯхӀус Ярушалаймана гонахара долу пенаш таллар
11 Ярушалайме схьакхаьчначул тӀаьхьа, аса цигахь кхо де даьккхира. 12 Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург. 13 Иштта, буьйсанна со ТогӀин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дӀа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дӀавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цӀарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. 14 Цул тӀаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Ӏома тӀе а вахара. Амма со цига улло тӀевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла. 15 Оццу буьйсанна со, тогӀи чухула хьала а ваьлла, гӀалин пене хьаьжира. ТӀаккха со, юха а ТогӀин кевнна чухула а ваьлла, юхавирзира.
16 Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хӀун леладо а. Я яхӀудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тӀехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хӀумма а дӀа ца хаийтинера. 17 Ткъа хӀинца аса цаьрга элира: «Шуна гуш бу-кх вайгахь болу бала. Ярушалайм хӀуй-пака а яьккхина лаьтташ ю, ткъа гӀалин кевнаш дагийна дӀадаьхна. Даха а гӀой, Ярушалайман пенаш юхаметтахӀиттаде вай. ТӀаккха вай хӀокху тайпана юьхьӀаьржа хир дацара». 18 Аса цу нахе дӀадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а.
ТӀаккха цу наха элира: «Вай болх дӀаболо беза!» Иштта цара и хьанал болх дӀаболийра.
19 Амма хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а, Ӏаьрбихо волу ГӀишам а, шайна и хӀума дӀахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХӀун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гӀерташ ду?»
20 Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гӀала юхаметтахӀоттор дӀадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Ӏамал ян а бакъо яц шун!»
3Ярушалайман пенаш юхаметтахӀотторан балха тӀехь дакъалоцурш
1 Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.
2 Динан дайшна уллохь гӀалин пен буттуш ерихонхой а бара.
Ткъа царна уллохь гӀалин пен буттуш Имарин кӀант Закхур а вара.
3 ХӀасинаан кӀенташа ЧӀерийн ков юхаметтахӀоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, царна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара.
4 Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхӀун кӀанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхӀу Къоцин кӀант вара.
Берех-ЯхӀун кӀанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхӀу Маши-Забиалан кӀант вара.
БаӀнин кӀанта ЦӀадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира.
5 ТакхоӀан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахӀоттийра. Амма ТакхоӀан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тӀедиллинчу гӀуллакхах куьг ца туьйхира.
6 Ишана цӀе йолу ков+ 3:6 *Ишана цӀе йолу ков *– я иштта: *Шира ков.* тодеш Писухьан кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Басуди-ЯхӀун кӀант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а туьйхира цара.
7 Царна уллохь пенаш тодеш гавӀонхо волу Малти-ЯхӀу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гӀо дора ГавӀонарчу а, МицӀпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь волу мехкада МицӀпахь Ӏаш вара.)
8 Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихӀа-ЯхӀун кӀант Ӏузиал.
Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, духӀиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхӀу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гӀалин пенаш хьаладира цара.
9 Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кӀант волчу Рапи-ЯхӀус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.
10 Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кӀант Яди-ЯхӀу. Цо шен цӀенна уллохь долу пенан дакъа тодира.
Ткъа цунна уллохь долу дакъа Хьашбин-ЯхӀун кӀанта Хьатуша тодира.
11 Хьармин кӀанта Малки-ЯхӀус а, Пахьат-Муабин кӀанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бӀов а тойира.
12 Царна уллохь долу дакъа тодира ХӀалухьешан кӀанта Шалума, цуьнан йоӀарша гӀо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза.
13 ТогӀин ков тодеш вара Хьануни цӀе йолу стаг а, иштта Занухь-гӀалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тӀекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара.
14 Кхеллин ков Рахбин кӀанта Малки-ЯхӀус тодира. Малки-ЯхӀу Байт-КӀарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо.
15 Кала-Хьозин кӀанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицӀпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тӀехь тхов бира цо. Иштта, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо. И хӀума ша дина ваьллачул тӀаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Ӏомана уллохь болу гӀалин пен тобира, Даудан гӀалара охьавогӀучохь долу тӀегӀанашна тӀе кхаччалц.
16 Цунна тӀехьа долу пенан дакъа тодеш Ӏазбукъан кӀант Нахьми-ЯхӀу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дӀа охкуш баьккхина болчу Ӏомана тӀе кхаччалц а, цигара дӀа Турпалхойн цӀенна тӀе кхаччалц а.
17 Цунна тӀехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кӀентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара.
Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхӀу вара. Иза КъаӀилан ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза.
18 Церан вежарша цунна уллохь долу дакъа а тодира. Уьш Хьенидадан кӀентан Бавайн куьйгаллина кӀелахь болх беш бара. Ткъа иза КъаӀилан шолгӀачу декъана тӀехь хьаькам вара.
19 ЮшаӀан кӀанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицӀпана тӀехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тӀера дуьйна гӀалин пенан маьӀигна тӀе кхаччалц пен тобира.
20 Цунна уллохь Забайн кӀанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьӀиг тӀера коьрта динан да волчу Элишубан цӀенна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо.
21 Къоцин кӀентан УръяхӀун кӀант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цӀа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цӀийнан маьӀигна тӀе кхаччалц йолу меттиг яра.
22 Цунна тӀехьа долу дакъа гӀалина гонах бехаш болчу динан дайша тодира.
23 Царна тӀехьа шайн цӀеношна дуьххьал долу пенан дакъа Бен-Ямана а, Хьашубис а тодира.
Ӏанан-ЯхӀун кӀентан МаӀсей-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус шен цӀенна уллора дакъа тодира.
24 Цунна тӀехьа Хьенидадан кӀанта Бинуйс Ӏазар-ЯхӀун цӀенна тӀера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дӀа цуьнан маьӀиге кхаччалц а тобира пен.
25 Цунна тӀехьа Узайн кӀант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бӀаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цӀенош долчохь, цуьнан гӀаролхой Ӏаш болчу уьйтӀена генахь йоццуш.
Цунна тӀаьхьа ПарӀушан кӀанта Пади-ЯхӀус а, 26 Ӏупалахь Ӏаш а болуш, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тӀера арайолучу бӀаьвнна тӀе кхаччалц.
27 Царна тӀехьа, пенна тӀера арайолучу йоккхачу бӀаьвнна тӀера Ӏупалан пенна тӀе кхаччалц долу важа дакъа такхоӀхоша тодира.
28 Динан дайша Говрийн кевнна тӀера долу пенан дакъа тодира. ХӀора динан дас шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира.
29 Царна тӀехьа ЦӀадукъин кӀанта Амира шен цӀенна дуьххьал болу пен тобира.
Шихан-ЯхӀун кӀанта ШамӀа-ЯхӀус цунна уллохь долу дакъа тодира. ШамӀа-ЯхӀу малхбалехьа долчу кевнан хехо вара.
30 Цунна тӀехьа Шалам-ЯхӀун кӀант Хьанан-ЯхӀу а, Хьанунин йолхалгӀа волу кӀант Цалпи а важа дакъа тодеш вара.
Царна тӀехьа Берех-ЯхӀун кӀант Машулим шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодеш вара.
31 Цунна тӀехьа Малки-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цӀенна тӀе кхаччалц долу дакъа тодира. И цӀа Мипкхад цӀе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дӀа цо иштта пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхӀу ша дашо пхьар вара.
32 Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀера дуьйна УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц болу пен юхаметтахӀоттийра.
4Болх барна дуьхьало ярна тӀехь Нахьми-ЯхӀус толам баккхар
1 Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира. 2 Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»
3 Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».
4 Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш! 5 Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».
6 Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.
7 Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча. 8 Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а. 9 Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта.
10 ЯхӀудхоша мукъам бора:
«Киранчийн ницкъ лахбелла,
дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна,
пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».
11 Тхох кхаьрдаш болчу мостагӀаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хӀаллакбийр бу, цул тӀаьхьа болх а сацор бу». 12 Тхан мостагӀашна уллохь Ӏаш болчу яхӀудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьӀӀера мостагӀий вайна тӀелетар бу». 13 ТӀаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дӀахӀиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгӀнашкахь дӀахӀиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаӀедаш а долуш.
14 Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!» 15 Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагӀашна дӀахиъча, тхо гӀалин пен болчу юхадирзира, хӀора шен-шен балха тӀе.
16 ХӀетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тӀехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаӀедаш а долуш, тӀедуьйхина гӀаьгӀнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхӀудан нахана тӀехьа тӀеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара. 18 Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хӀора стеган хаьн тӀехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маӀа карахь йолу зурманча вара лаьтташ. 19 Лоруш болчу нахе а, тӀеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дӀасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла. 20 Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!» 21 Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тӀехь болх беш бара, Ӏуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц.
22 Цу хенахь аса халкъе дӀахьедира: «Берриг а нах шайн гӀоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гӀалина ха дайтархьама а, дийнахь гӀалин пен боттийтархьама а», – аьлла. 23 Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тӀера бедарш дӀа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гӀаролехь болчу наха а. ХӀоранна а уллохь шен герз дара.
5Нахьми-ЯхӀус гӀийлачарна гӀо до
1 Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхӀудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира. 2 Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кӀа эца деза, хӀума яархьама а, дийна дисархьама а».
3 Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цӀенош а закъалтан метта дӀаяла дезаш ду, мацалла тӀееача, тхайна кӀа эцархьама».
4 Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тӀера паччахьна ял дӀаялархьама. 5 Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кӀентий а церан кӀентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кӀентий а, йоӀарий а лолла дӀадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хӀинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргӀатбаха, хӀунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю».
6 Церан хамталла а, цара дуьйцург а сайна хезча, со чӀогӀа оьгӀазвахара. 7- 5:7 Арадаккхар 22:25; Ӏамалъяр 25:35-37; Карлабаьккхинарг 23:19, 20. Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тӀе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху аша!» – аьлла.
Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса. 8 Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхӀудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гӀерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хӀума а доцуш, лаьтташ бара.
9 Ткъа аса юха а цаьрга элира: «Аша дийриг нийса дац. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, дахарехь лела ца деза шу, вайн мостагӀий болчу кхечу къаьмнех берш вайх ца кхардийтархьама?! 10 Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кӀа а лора. Ткъа хӀинца дерриг а декхарх уьш паргӀатбаха вай. 11 Аша хӀинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цӀенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кӀена а, чагӀарна а, зайтдаьттанна а тӀера яьккхина йолу ял а!»
12 ТӀаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хӀума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хӀума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха».
ТӀаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чӀагӀо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тӀера бевр бац аьлла. 13 Сайн некха тӀе уллу тӀоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цӀен тӀера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!»
Цигахь гулбеллачара массара а « Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира.
Нахьми-ЯхӀус ша ца кхоор
14 Кхин цхьа хӀума а ду: со ЯхӀуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхӀуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгӀачу шарна тӀера ткъе шуьйтталгӀачу шарна тӀе кхаччалц. 15 Сол хьалха хиллачу лакхарчу хьаькамаша нах чӀогӀа холчу хӀиттийна хилла, цаьргара хӀора дийнахь шовзткъа шекхал дети эцна а ца Ӏаш, кхин а ялта а, чагӀар а доккхуш хилла цара. Церан ялхоша а деш хилла халкъана тӀехь олалла. Амма со Деле болчу ларамах вуьзна хиларна, и тайпа хӀума аса сайгара ца долуьйтура. 16 Со Ярушалаймана гонахарчу пенна тӀехь мало ца еш болх беш вара. Аса цхьаьнггара а латта ца оьцура, ткъа сан массо а ялхо цигахь болх бан схьагуллуш вара. 17 Цул сов, аса кхобуш цхьа бӀе шовзткъе итт яхӀудхо а, куьйгалхо а вара. Уьш, гонахарчу къаьмнех болу тӀебаьхкина нах ца лерича а, оццул бара. 18 Сан шуьне гулбеллачарна цхьана дийнахь кечъеш ерг яра: цхьа сту а, тоьлла болу ялх уьстагӀ а, тайп-тайпана долу зӀакардаьхни а. Итт де дӀа мосазза долу, сан шуьне тайп-тайпана долу чагӀар а тӀекхоьхьура. Делахь а аса цкъа а халкъана тӀе ца дожадора сайна лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача латтабе бохуш, хӀунда аьлча халкъана тӀехь лаьтташ ерг иштта а хала киртиг яра.
19 Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хӀара халкъ бахьана долуш динарг.
6Нахьми-ЯхӀуна дуьхьал бина барт
1 Санбулатана а, ТӀуби-ЯхӀуна а, Ӏаьрбихо волчу ГӀишамана а, иштта кхечу тхан мостагӀашна а дӀахиира, тхан мостагӀашна а дӀахиира, оха, гӀалин пен юхаметтахӀоттинийла а, пенах даьхначу Ӏуьргех дӀадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хӀинца а кевнаш чу йогӀу неӀарш дӀа ца хӀиттийнера. 2 ТӀаккха Санбулата а, ГӀишама а соьга хабар даийтира: «Схьавола, вовшахкхетар ду вай Овну-тогӀерачу цхьана юьртахь». Цара суна зулам дан барт бинера. 3 Аса цаьрга хабар дӀаэцна сайн геланчаш бахийтира: «Со цхьа доккха гӀуллакх деш мукъа вац, цундела сан шу долчу охьавосса йиш яц. И гӀуллакх юкъахдер дара, со иза дитина шу долчу охьаваьллехьара», – аьлла.
4 Доьазза нах тӀебахийтира цара и хабар дахьаш, ткъа аса уьш мосазза богӀу, хьалха санна, царна дуьхьал хабар дохьуьйтура.
5 Иштта Санбулата пхоьазлагӀа шен ялхо ваийтира, карахь мухӀар тохаза долу кехат+ 6:5 *МухӀар тохаза долу кехат *– цу кепара дуккха а нахана хуур бара цу кехатан чулацам.* а долуш. 6 Кехата тӀехь яздина дара:
«Гонахарчу къаьмнашна юкъахь лелаш цхьа хабарш ду – ткъа ГӀишама дуьйцу уьш бакъ хилар – хьо яхӀудхошца цхьаьна гӀатта кечлуш ву бохуш. Цундела хьалабеш бу боху аша Ярушалайман пен. Хьо яхӀудхойн керла паччахь хир волуш ву а боху наха. 7 Ахьа пайхамарш а дӀахӀиттийна, цаьрга Ярушалаймехь халкъе, „ХӀара ву яхӀудхойн паччахь“ аьлла, хаам байта. И тайпа хабарш паччахьах дӀакхетар ду хьуна. Цундела кхуза схьавола, вовшех дагадевр ду вай».
8 Аса Санбулате хабар дахьийтира: «Ахьа бохуш долу цхьа а хӀума бакъ дац. И хабар ахьа хьайгара дуьйцуш ду», – аьлла.
9 Тхан мостагӀий тхо кхеро гӀерташ бара. Царна моьттура: «ЯхӀудхой, куьйгаш гӀел а делла, болх бечуьра совцур бу, цундела пен бина а бер бац». Амма аса сайн доӀанна тӀехь доьхура: «ЧӀагӀдехьа сан куьйгаш!» – бохуш.
10 Цхьана дийнахь Ма-ХӀайтӀабалан кӀентан Дали-ЯхӀун кӀант ШамӀа-ЯхӀу волчу вахара со. Цуьнан шен цӀа чуьра аравала йиш яцара. Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь долчу дезачу цӀа чу гӀо вайшиъ, ваьшшина тӀаьхьара неӀ дӀа а къовлуш, хӀунда аьлча хьо вен богӀур бу. Билггал, буьйсанна хьо вен богӀур болуш бу».
11 Амма аса ШамӀа-ЯхӀуга элира: «Со санна волу стаг вада везий те? Я со санна волу стаг Делан цӀа чу шен са кӀелхьардаккхархьама ваха везий те?+ 6:11 *Я иштта: *Со санна волу стаг, Делан цӀа чу а вахана, дийна муха вуьсур вара?* Со цу чу гӀур вац!»
12 Суна хаьара ШамӀа-ЯхӀу Делера болу хаам беш воцийла. Цо суна дуьхьал болу хаам бора, ша ТӀуби-ЯхӀуссий, Санбулатий эцна хиларх терра. 13 Цара ШамӀа-ЯхӀу лаьцнера, со кхеро дагахь. Со кхера а вина, соьга къа а латадайтина, Делан цӀа чу со дӀалачкъа вахийта гӀерташ бара уьш. ТӀаккха сан мостагӀийн со юьхьӀаьржачу хӀотто йиш хир яра.
14 Аса доӀа дира: «Сан Дела, ТӀуби-ЯхӀуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуӀад-ЯхӀу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна».
Пен бина балар
15 Ярушалаймана гонах болу пен Алул-беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь бина белира. И болх шовзткъе шийтта дийнахь бинера цара. 16 Тхуна гонах болчу а, тхан мостагӀий болчу а массо а къаьмнашна иза дӀахиъча, уьш кхера а белира, цара шайх болу тешам а байира, хӀунда аьлча уьш кхийтира и болх оха тхайн Делан гӀоьнца бина хиларх.
17 Цу деношкахь ЯхӀуд-махкарчу лоруш болчу наха дукха кехаташ кхоьхьуьйтура ТӀуби-ЯхӀуга, ткъа ТӀуби-ЯхӀугара кехаташ цаьрга а кхочура. 18 ЯхӀудхойх дукхахболчара, цунна тешаме хир бу аьлла, чӀагӀо йинера, хӀунда аьлча ТӀуби-ЯхӀу Арахьин кӀентан Шихан-ЯхӀун нуц вара, ткъа ТӀуби-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Хьанас Берех-ЯхӀун кӀентан Машулиман йоӀ ялийнера. 19 Цу наха соьга ТӀуби-ЯхӀу хестош къамелаш дора, ткъа аса мел аьлларг ТӀуби-ЯхӀуга дӀадуьйцура. Ткъа ТӀуби-ЯхӀу, со кхеро дагахь, соьга кехаташ кхоьхьуьйтуш вара.
71 ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира. 2 Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела. 3 Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе».
Йийсарера юхабирзинчеран цӀераш
(Ӏезар 2:1-70)
4 ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара. 5 Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:
6 «ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина. 7 Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна.
ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:
8 ПарӀушан тӀаьхьенах берш – ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
9 Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш – кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
10 Арахьин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);
11 Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818);
12 Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
13 Затун тӀаьхьенах берш – бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845);
14 Закайн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);
15 Бинуйн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648);
16 Бебайн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628);
17 ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш – ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322);
18 Адуникхаман тӀаьхьенах берш – ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667);
19 БигӀвайн тӀаьхьенах берш – ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067);
20 Ӏадин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655);
21 Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера – везткъе берхӀитта стаг (98);
22 Хьашуман тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328);
23 Бецайн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе виъ стаг (324);
24 Хьарипан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шийтта стаг (112);
25 ГавӀонан тӀаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95).
26 Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188);
27 Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);
28 Байт-Ӏазмавтара – шовзткъе шиъ стаг (42);
29 Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);
30 Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх – ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621);
31 Михмасерчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122);
32 Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123);
33 Набу-гӀаларчу бахархойх – шовзткъе шийтта стаг вара (52);
34 Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);
35 Хьармин тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъа стаг вара (320);
36 Ерихонан бахархойх – кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);
37 Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721);
38 Саниара болу бахархой – кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930);
39 Динан дай:
ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах – исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);
40 Амиран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);
41 Пашихьуран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247);
42 Хьармин тӀаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017);
43 Левихойн тайпанах болу нах:
ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74);
44 Илланчаш:
Асайпан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148);
45 Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш:
Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138);
46 Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш:
Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,
47 Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а,
48 Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а,
49 Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,
50 Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а,
51 Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а,
52 Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а,
53 Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
54 Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,
55 Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
56 Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.
57 Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш:
Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
58 ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
59 Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш.
60 Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.
61 Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 62 Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш – ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642).
63 Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура). 64 И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира. 65- 7:65 Арадаккхар 28:30; Карлабаьккхинарг 33:8. ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.
66 Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара, 67 царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара. 68 Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а, 69 йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.
70 Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. 71 Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира. 72 Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира. 73- 7:73 Арадаккхар 9:2; Нахьми-ЯхӀу 11:3. Иштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира».
8Ӏезара халкъана товрат-хьехамаш боьшу
1 Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла. 2 Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара. 3 Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара.
4 Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара.
5 Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира. 6 Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: « Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара.
7 Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу. 8 Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора+ 8:8 *Царна гочдора *– товрат-хьехамаш Ӏебархойн маттахь язбина бара, ткъа жуьгтий Бавел-махкахь йийсарехь болуш, цара арамхойн мотт Ӏамийнера. Цундела товрат-хьехамаш гочбан безара.*, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш.
9 Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара. 10 Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»
11 Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила». 12 Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела.
Кхалорийн деза денош
13 ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама. 14- 8:14, 15 Ӏамалъяр 23:33-36, 39-43; Карлабаьккхинарг 16:13-15. Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара. 15 Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза».
16 Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. 17 Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара. 18 Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.
9Исраилан халкъ ша летийначу къиношна къера хилар
1 Цу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тӀехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тӀе тесна ченаш а йолуш. 2 Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукӀарло дора цара. 3 Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар а доьшуш. Цул тӀаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукӀарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Ӏибадат а дора.
4 Цул тӀаьхьа левихой болу ЮшаӀ а, Бани а, Кхадмиал а, Шабни-ЯхӀу а, Буни а, Шараб-ЯхӀу а, Бани а, Канани а лекхачу метте хьала а бевлла, шайн Везачу Деле мохь а бетташ, доӀа деш бара.
5 Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура:
«Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало.
Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна.
Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла,
иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!
6 Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац!
Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина!
Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь!
Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина!
Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина.
Массо а хӀуманна дахар а делла.
Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!
7- 9:7 а: Доладалар 11:31; 12:1; б: Доладалар 17:5. Ибрам харжа а хаьржина,
Хашадарчу Ур-гӀалара ара а ваьккхина,
цунна, ИбрахӀим аьлла, цӀе тиллина Веза Дела ву Хьо.
8- 9:8 Доладалар 15:18-21. Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар,
цундела Ахьа цуьнца барт а бира.
КанаӀанхойн, хьетахойн, эмархойн,
перезахойн, явсайхойн, гӀиргӀашахойн
хилла долу латта дӀалур ду элира
Ахьа цуьнан тӀаьхьенна.
Хьайн ваӀда Ахь кхочуш а дира,
Хьо тешаме волу дела.
9- 9:9 а: Арадаккхар 3:7; б: Арадаккхар 14:10-12. Хьуна гуш бара Мисар-махкахь тхан дайша хьоьгуш болу бала.
Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна хезаш дара цара гӀо доьхуш хьоькхуш долу маьхьарий.
10- 9:10 Арадаккхар 7:8–12:32. Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела,
тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирӀунна а,
цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал.
Цундела Хьо цӀеяхана хилла дӀахӀоьттира
таханлера де тӀекхаччалц а.
11- 9:11 а: Арадаккхар 14:21-29; б: Арадаккхар 15:4, 5. Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хӀорд бекъа а бекъна дӀахӀоттийра,
уьш декъачу лаьтта тӀехула чекхбовлийтархьама.
Амма тхан мостагӀий кӀоргачу хӀорда чу кхиссира Ахьа,
ткъа уьш, тӀулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.
12- 9:12 Арадаккхар 13:21, 22. Дийнахь мархин бӀогӀамца Ахь уьш балабора,
буьйсанна уьш цӀеран бӀогӀамца буьгура,
уьш дӀабаха беза некъ серлабаккхархьама.
13- 9:13, 14 Арадаккхар 19:18–23:33. Цул тӀаьхьа Хьо Синай-лам тӀе охьавоьссира.
Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца.
Царна нийса тӀедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а,
дика парзаш а, весеташ а дӀаделира.
14 Хьайн дезачу шоьтан дийнах лаьцна а
хьехам бира Ахьа царна,
иштта весеташ а, парзаш а, товрат-хьехам а
тӀебиллира Хьайн ялхо волчу Мусагахула.
15- 9:15 а: Арадаккхар 16:4-15; б: Арадаккхар 17:1-7; в: Карлабаьккхинарг 1:21. Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна.
Уьш хьагбеллачу хенахь тӀулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна.
Ахьа цаьрга элира, дӀа а гӀой,
царна, куьг а айина, дӀадала чӀагӀо йина долу латта церан дола даккха.
16- 9:16, 17 Лелар 14:1-4; Карлабаьккхинарг 1:26-33. Амма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара.
Хьан весеташка ла ца дуьйгӀира цара.
17- 9:17 Арадаккхар 34:6; Лелар 14:18. Хьуна къера хила царна ца лиира.
Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гӀуллакхаш царна дицделлера.
Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара,
шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама.
Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо!
Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву,
Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву.
Ахь уьш дӀа ца тесна,
18- 9:18 Арадаккхар 32:1-4. шайна дашо эса а дина,
цара: „ХӀара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“ аьлча а,
цара чӀогӀа Ӏеса къамел дича а.
19- 9:19-21 Карлабаьккхинарг 8:2-4. Хьо чӀогӀа къинхетаме хиларна,
Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дӀа ца тесира.
Дийнахь царна некъ дӀагойту мархин бӀогӀам дӀа ца хьулбира Ахь,
буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цӀеран бӀогӀам а дӀа ца баьккхира Ахь.
20 Уьш Ӏаморхьама Хьайн дика Са дӀадели Ахь.
Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дӀалора Ахь царна,
церан хьогалла дӀаяккха хи а лора.
21 Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара,
царна мел оьшу хӀума Ахь кхочуьйтура.
Церан бедарш а ца тишлора,
когаш а ца бестара.
22- 9:22 Лелар 21:21-35. Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира,
царна гонахара долу, геннара латтанаш а тӀехь дӀадийкъира.
Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а,
иштта Башанарчу паччахьан ӀовгӀин латта а
шайн дола даьккхира цара.
23- 9:23 а: Доладалар 15:5; 22:17; б: ЮшаӀ 3:14-17. Церан тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра.
Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира,
ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.
24- 9:24 ЮшаӀ 11:23. Цу лаьтта тӀе а баьхкина, цара иза дӀалецира.
Ахьа цаьрга цу лаьтта тӀехь Ӏаш болу канаӀанхой эшабайтира.
Цигара халкъ а, церан паччахьаш а, кхидолу къаьмнаш а церан кара дӀа а делла,
Ахьа цаьрга шайна луъург дайтира царна тӀехь.
25- 9:25 Карлабаьккхинарг 6:10, 11. ЧӀагӀйина гӀаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира.
Хьолах дуьзна долу цӀенош а, яьхна гӀунаш а цара шайн дола ехира.
Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира.
Уьш Ӏаббалц дууш, берстина дӀахӀиттира,
Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.
26- 9:26-28 Куьйгалхой 2:11-16. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира!
Ахь беллачу товрат-хьехамаш тӀера уьш дӀабирзира.
Хьан пайхамарша уьш чӀогӀа боьхура,
Хьуна тӀе юхаберза бохуш,
амма цара и пайхамарш байира.
Тхан дайша Хьуна дуьхьал Ӏеса къамелаш дора,
27 цундела Ахьа церан мостагӀашна уьш дӀалацийта пурба делира, ткъа мостагӀаша царна дукха зуламаш а дира.
Амма шайна тӀе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дӀахӀиттира.
Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугӀура,
Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кӀелхьарбохурш а лора,
ткъа цара уьш мостагӀийн зуламах кӀелхьара а бохура.
28 Амма синтем юха-ма-бирззинехь,
тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
Цундела церан мостагӀийн карахь уьш битина Ахь,
цаьрга хӀокхарна тӀехь олалла дайтархьама.
Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гӀо дехча,
стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна,
юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гӀо дира царна.
29- 9:29 Ӏамалъяр 18:5. Ахьа цаьрга дӀахьедора,
Хьайн товрат-хьехамашна тӀе юхадерза дезар дӀахоуьйтуш,
амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дӀатеттира.
Ахьа тӀедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара.
Делахь а, уьш лардийриг церан гӀоьнца вехар вара.
Бухахьа а бевлла, Хьох дӀа а бирзина,
дегнаш чӀагӀ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгӀира цара.
30- 9:30 Сулим 17:13-18; 2 Шерашкахь 36:15, 16. Хьо тхан дайшца чӀогӀа собаре вара.
Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа.
Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хӀиттийна,
оцу пайхамаршкахула царна дӀахьедора Ахь.
Амма цара ла ца дугӀура,
цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дӀабелира.
31 Амма Хьайн боккхачу къинхетамца
Ахьа уьш массо а хӀаллак а ца бира,
уьш Ахьа дӀа а ца тесира,
хӀунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву!
32- 9:32 Сулим 15:19, 29; 17:3-6; Ӏезар 4:2, 10. Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела.
Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а,
вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву!
Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла
оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а,
дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала.
И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна
хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.
33 Массо а тхуна тӀехӀоьттинчу хӀуманна тӀехь Хьо нийса хилла!
Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а.
34 Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан дайша а
Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора,
Хьан весеташка ла ца дугӀура,
Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора.
35 Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь,
Ахьа шайн кара дӀаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тӀехь
цара Хьуна Ӏамал а ца йора,
шаьш лелош долчу зуламечу хӀуманашна тӀера дӀа а ца бирзира.
36 Ткъа тхо хӀинца леш ду.
ХӀокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а,
цу тӀера шайна напха даккхийта а дӀаделла долчу лаьтта тӀехь
тхо леш хилла дӀахӀиттина.
37 Ахь тхуна тӀехь хӀиттийна болчу паччахьийн кара
лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту,
оха летийна къинош бахьана долуш.
Тхан догӀмашна тӀехь олалла до цара,
ткъа церан карахь ду тхан даьхни.
Цара тхуна тӀехь шайна луъург леладо,
цундела тхо йоккхачу гӀайгӀанехь ма ду.
38 И массо хӀума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тӀехь дӀа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кӀел куьг яздо, иза мухӀарца чӀагӀ а беш».
10Наха бина барт а, бартана кӀел куьг яздинарш а
1 МухӀар а тоьхна, цу бартана кӀелахь куьг яздинарш бара: Хьахли-ЯхӀун кӀант, мехкада волу Нахьми-ЯхӀу а, ЦӀадукъ-ЯхӀу а.
Динан дай: 2 Сари-ЯхӀу а, Ӏазар-ЯхӀу а, Ярми-ЯхӀу а,
3 Пашихьур а, Амар-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а,
4 Хьатуш а, Шабни-ЯхӀу а, Малук а,
5 Хьарми а, Мармути а, Ӏабди-ЯхӀу а,
6 Даниал а, ГӀинтуни а, Барух а,
7 Машулим а, Аби-ЯхӀу а, Мияман а,
8 МаӀаз-ЯхӀу а, Билгай а, ШамӀа-ЯхӀу а. Уьш динан дай бара.
9 ХӀорш левихойн цӀераш ю:
Азан-ЯхӀу кӀант ЮшаӀ, Хьенидадан доьзалера волу Бинуй, Кхадмиал,
10 церан гергарнаш болу Шабни-ЯхӀу, ХӀуди-ЯхӀу, Кхилати, Пали-ЯхӀу, Хьанан,
11 Мика, Рахьуб, Хьашби-ЯхӀу,
12 Закхур, Шараб-ЯхӀу, Шабни-ЯхӀу,
13 ХӀуди-ЯхӀу, Бани, Банину.
14 Халкъан баьччанаш:
ПарӀуш, Пахьат-Муаби, Ӏейлам, Зату, Бани,
15 Буни, ӀазгӀади, Бебай,
16 Адан-ЯхӀу, БигӀвай, Ӏади,
17 Атари, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазури,
18 ХӀуди-ЯхӀу, Хьашум, Бецай,
19 Хьарип, Ӏанатот, Неби,
20 МагӀпиӀаш, Машулим, Хьецар,
21 Маши-Забиал, ЦӀадукъа, ЯдуӀ,
22 Палти-ЯхӀу, Хьанан, Ӏани-ЯхӀу,
23 ХӀушаӀ, Хьанан-ЯхӀу, Хьашуби,
24 ХӀалухьеш, Пилхьа, Шубакъ,
25 Рахьим, Хьашбина, МаӀсей-ЯхӀу,
26 АхьъяхӀу, Хьанан, Ӏанан,
27 Малук, Хьарми, БаӀна.
Наха бинчу бертан чулацам
28 «Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхоша а, илланчаша а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дӀа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кӀенташца а, йоӀаршца а – 29 шайн вежарий болчу лоруш болчарах дӀа а кхетта, сардаман таӀзарх иштта чӀагӀо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.
30- 10:30 Арадаккхар 34:16; Карлабаьккхинарг 7:3. Оха чӀагӀо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кӀенташка схьа ца даладайта а.
31- 10:31 а: Арадаккхар 23:10, 11; Ӏамалъяр 25:1-7; б: Карлабаьккхинарг 15:1, 2. Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хӀуманаш я кӀа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха.
ХӀора ворхӀалгӀа деанчу шарахь тхайн кхаш тӀехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтӀера девр ду тхо.
32- 10:32 Арадаккхар 30:11-16. Оха чӀагӀо йо хӀора шарахь цхьана шекхалан кхоалгӀа дакъа+ 10:32 *Цхьана шекхалан кхоалгӀа дакъа *– иза 4 грамм хиллал ду.* тхан Делан цӀийнан хьашташна дӀадала.
33 И ахча массо а хьашташна тӀе гӀур ду: Далла къобалдина долу бепиг а, хӀора дийнахь дохуш долу кӀен сагӀанаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, шоьтан деношкахь а, бутт цӀинбаларан деношкахь а, кхечу дезачу деношкахь а дохуш долу сагӀанаш а, кхидолу деза сагӀанаш а, Исраилан халкъо летийначу къинойх паргӀатбахархьама дохуш долу къинан сагӀанаш а, иштта Делан цӀенна оьшу муьлхха гӀуллакх а.
34 Оха – динан дайша а, левихоша а, халкъо а – кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хӀора тхан доьзало Делан цӀенна совгӀатна лерина долу чӀийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара.
35- 10:35 Арадаккхар 23:19; 34:26; Карлабаьккхинарг 26:2. Оха тхайна тӀелоцу хӀора шарахь Везачу Элан цӀенна тхайн лаьтта тӀера уггар хьалха хьалакхиъна долу ялта а, массо а диттийн дуьххьарлера болу стом а схьабан.
36- 10:36 Арадаккхар 13:2. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-хиллара, оха тхан Делан цӀенна схьабалор бу тхан доьзалехь дуьххьара бина болу кӀентий а, иштта тхайн бежех а, даьхнех а, женах а долу дуьххьара дина кӀорнеш а. Цигахь гӀуллакх деш болчу динан дайшна уьш дӀалур ду оха.
37- 10:37 Лелар 18:21. Оха иштта тхайн Делан цӀийнан чӀоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагӀар а, зайтдаьтта а дахьар ду.
Ялтех долу уьтталгӀа дакъа оха дӀалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгӀа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. 38- 10:38 Лелар 18:26. АхӀаронан цӀийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгӀа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тӀаьхьа левихоша шайна дӀакхаьчначу уьтталгӀачу декъа тӀера кхин уьтталгӀа дакъа Делан цӀа чохь йолчу чӀоьнаш чу охьадилла деза. 39 Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгӀаташ – кӀа а, чагӀар а, зайтдаьтта а – цу чӀоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гӀирс а бу ларбеш, иштта гӀуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гӀаролхой а, илланчаш а бу Ӏаш.
Оха чӀагӀо йо Делан цӀийнан дола дан!»
11Ярушалаймехь Ӏаш болу нах
1 Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора. 2 Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна. 3- 11:3, 4 Нахьми-ЯхӀу 7:73. ХӀорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тӀаьхьенах берш а ЯхӀуд-махкарчу кхечу ярташкахь Ӏаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тӀехь Ӏаш бара. 4 Амма цхьаболу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.)
ЯхӀудан тайпанах болчеран цӀераш иштта яра:
Ӏузи-ЯхӀун кӀант Ӏати-ЯхӀу (Ӏузи-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Шапат-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Шапат-ЯхӀу Парасан тӀаьхьенах волчу Махьаллалан кӀант хилла),
5 Барухан кӀант МаӀсей-ЯхӀу (Барух Кала-Хьозин кӀант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхӀун кӀант хилла, Хьази-ЯхӀу Ӏади-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Ӏади-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант волчу ЯхӀу-Ярбин кӀант хилла. Закри-ЯхӀу Шейлин тӀаьхьенах хилла).
6 Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тӀаьхьенах болу нах виъ бӀе кхузткъе бархӀ стаг хилла. Уьш берриш а чӀогӀа доьналла долуш нах хилла.
7 Бен-Яманан тӀаьхьенах берш:
Машулиман кӀант Салуъ (Машулим ЮӀадан кӀант хилла, ЮӀад Пади-ЯхӀун кӀант хилла, Пади-ЯхӀу Къули-ЯхӀун кӀант хилла, Къули-ЯхӀу МаӀсей-ЯхӀун кӀант хилла, МаӀсей-ЯхӀу Итиалан кӀант хилла, ткъа Итиал ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант хилла),
8 цунна тӀаьхьа вогӀуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бӀе ткъе бархӀ стаг хилла.
9 Зикрин кӀант Юал царна тӀехь хьаькам вара, ткъа ХӀасинуан кӀант ЯхӀуд цу гӀалахь шолгӀа волу хьаькам вара.
10 Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цӀераш яра хӀорш:
ЯхӀу-Ярбин кӀант ЯдаӀ-ЯхӀу, Якин,
11 Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);
12 иштта церан цӀийнан нах болу Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш волу бархӀ бӀе ткъе ши стаг а;
Ярохьаман кӀант Ӏади-ЯхӀу а (Ярохьам Амцин кӀант волчу Палал-ЯхӀун кӀант хилла, Амци Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Пашихьуран кӀант хилла, Пашихьур Малки-ЯхӀун кӀант хилла);
13 кхин а ши бӀе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхӀун цӀийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла);
Ӏазариалан кӀант Ӏамшаси (Ӏазариал Ахьзайн кӀант хилла, Ахьзай Амиран кӀант волчу Машли-МутӀин кӀант хилла);
14 кхин а цхьа бӀе ткъе бархӀ Амиран цӀийнах волу стаг а хилла. Уьш чӀогӀа доьналла долуш болу нах бара. Царна тӀехь хьаькам Гадуламан кӀант Забдиал хилла.
15 ХӀара цӀераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю:
Хьашубин кӀант ШамӀа-ЯхӀу (Хьашуби Ӏазрикхаман кӀант хилла, ткъа Ӏазрикхам Бунин кӀентан Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла);
16 левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цӀийнан арахьара беш болчу балхана тӀехӀиттийна хилла;
17 Микин кӀант Матан-ЯхӀу (Мика Завадин кӀант хилла, ткъа Завади Асайпан кӀант хилла). Баркаллин доӀа дечу нахана тӀехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхӀу;
Бакхбукъ-ЯхӀу (иза илланчийн шолгӀачу тобанна тӀехь хьаькам хилла);
ШамуӀан кӀант Ӏабда (ШамуӀ Ядутунан кӀентан Галалин кӀант хилла);
18 Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.
19 ХӀорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гӀаролхойн цӀераш ю:
Ӏакхуби а, ТӀулман а, иштта цхьа бӀе кхузткъе шийтта церан цӀийнах волу стаг а. Уьш гӀалин кевнаш лардеш бара.
20 Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тӀехь бехаш бара. 21 Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Ӏупалахь бехаш хилла. Царна тӀехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГӀишпа а хилла.
22 Ярушалаймехь левихошна тӀехь куьйгалла деш Ӏузи хилла (Ӏузи Банин кӀант хилла, Бани Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Хьашби-ЯхӀу Микин кӀант волчу Матан-ЯхӀун кӀант хилла). Иза Асайпан тӀаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цӀа долчохь назманаш олуш берш хилла. 23 Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тӀедиллар хилла, цу тӀехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.
24 Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхӀу вара. Иза ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Зерахьан кӀентан Маши-Забиалан кӀант вара.
Кхийолчу гӀаланашкахь Ӏаш болу нах
25 ЯхӀудхойх цхьаберш хӀокху жимачу гӀаланашкахь Ӏаш бара, шайн кхашна уллохь:
Кхиръят-АрбаӀахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
Дибонахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
иштта Якхабцаалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
26 ЮшаӀахь а, Мулада-гӀалахь а, Байт-Палтехь а;
27 Хьацар-ШуӀалахь а, Беар-ШабаӀехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
28 ЦакхелагӀахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
29 Ӏейн-Риманахь а, ЦорӀа-гӀалахь а, Ярмут-гӀалахь а;
30 Занухь-гӀалахь а, Ӏадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а;
Лахиш-гӀалахь а, цунна уллохь йолчу аренашкахь а;
Ӏазекхи-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а.
ЯхӀудан къам Беар-ШабаӀера дуьйна ХӀинам-тогӀина тӀе кхаччалц даха охьахиънера.
31 Бен-яманхой хӀокху гӀаланашкахь баха охьахевшинера:
ГибаӀ-гӀалахь а, Михмасехь а, Ӏайи-гӀалахь а, Бетал-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а,
32 Ӏанатот-гӀалахь а, Нуб-гӀалахь а, Ӏанан-ЯхӀугахь а,
33 Хьацор-гӀалахь а, Рамехь а, ГӀитаймехь а,
34 Хьадид-гӀалахь а, ЦебаӀим-гӀалахь а, Набалти-гӀалахь а,
35 Лодди-юртахь а, Овну-гӀалахь а, иштта Пхьерийн тогӀи чохь а.
36 ЯхӀуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.
12Динан дай а, левихой а
1 ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш:
Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар,
2 Амар-ЯхӀу, Малук, Хьатуш,
3 Шихан-ЯхӀу, Рахьим, Мармути,
4 Ӏиду, ГӀинтуй, Аби-ЯхӀу,
5 Мияман, МаӀад-ЯхӀу, Билга,
6 ШамӀа-ЯхӀу, ЯхӀу-Ярби, Яди-ЯхӀу,
7 Салуъ, Ӏамукъ, Хьалкхи-ЯхӀу, Яди-ЯхӀу.
ЮшаӀ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара.
8 Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а.
9 Адамаша Далла гӀуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхӀус а, Ӏунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура.
10 ЮшаӀ ЯхӀу-Якхаман да хилла, ЯхӀу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхӀу-ЯдаӀан да хилла. 11 ЯхӀу-ЯдаӀ ЯхӀунатин да хилла, ЯхӀуната ЯдуӀан да хилла.
12 ЯхӀу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хӀорш хилла:
Сари-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхӀу хилла.
Ярми-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхӀу хилла.
13 Ӏезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
Амар-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀу-Хьана хилла.
14 Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.
Шихан-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла.
15 Хьармин доьзалехь лакхарниг Ӏаднан хилла.
Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла.
16 Ӏидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхӀу хилла.
ГӀинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
17 Аби-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла.
МуӀад-ЯхӀун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла.
18 Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуӀ хилла.
ШамӀа-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг ЯхӀуната хилла.
19 ЯхӀу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла.
Яди-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Ӏузи хилла.
20 Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла.
Ӏамукъин доьзалехь лакхарниг Ӏебар хилла.
21 Хьалкхи-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхӀу хилла.
ЯдаӀ-ЯхӀун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.
22 Элишубан а, ЯхӀу-ЯдаӀан а, Йохьанан а, ЯдуӀан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цӀераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дӀаязйина ю.
23 Левин тӀаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кӀант волчу ЯхӀу-Хьанин заманна тӀекхаччалц дӀаязбина бу.
24 ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла.
25 ГӀалин кевнехь долу чӀоьнаш лардеш бара Матан-ЯхӀу а, Бакхбукъ-ЯхӀу а, Ӏабди-ЯхӀу а, Машулим а, ТӀулман а, Ӏакхуби а.
26 Уьш берриш а гӀуллакх деш бара ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан кӀант ЯхӀу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхӀу а, динан да Ӏелам стаг Ӏезар а волчу хенахь а.
Ярушалайман пен къобалбар
27 Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а. 28 Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатӀупат-гӀалина гонахарчу ярташкара а, 29 иштта Байт-Галгалара а, ГибаӀ-гӀалин а, Ӏазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера. 30 Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цӀанваларан Ӏадат кхочушдира. Иштта халкъана тӀехь а, гӀалин кевнашна тӀехь а, гӀалин пенна тӀехь а кхочушдира цара цӀена хуьлу Ӏадат.
31 ТӀаккха аса яхӀудхойн куьйгалхой пенна тӀе хьала а баьхна+ 12:31 *Пенна тӀе хьала а баьхна *– оцу хенахь гӀалин пенаш стомма а, шуьйра а дара. Цундела царна тӀехула лела мегара. Церан лекха дакъа некъ санна дара.*, уьш цигахь дӀахӀиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта.
Царах цхьа тоба пенна тӀехула аьтту агӀонгахула Кхеллин ков долчу дӀаяха езаш яра. 32 Царна тӀаьхьахӀоьттина ХӀушаӀ-ЯхӀу а вара, шеца цхьаьна ЯхӀудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш. 33 Иштта царна тӀаьхьахӀиттина боьлхуш бара Ӏазар-ЯхӀу, Ӏезар, Машулим, 34 ЯхӀуд, Бен-Яман, ШамӀа-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу. 35 Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш ЯхӀунатин кӀант Закри-ЯхӀу а вара (ЯхӀуната ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилла, ШамӀа-ЯхӀу Матан-ЯхӀун кӀант хилла, Матан-ЯхӀу Мика-ЯхӀун кӀант хилла, Мика-ЯхӀу Закхуран кӀант хилла, ткъа Закхур Асайпан кӀант хилла). 36 Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамӀа-ЯхӀу, Ӏазариал, Милали, Гилали, МаьӀи, Натунаил, ЯхӀуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гӀирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Ӏелам стаг волу Ӏезар а вара. 37 Уьш Шовданан ков долчу агӀор дӀабирзира. Даудан гӀалин ламеш тӀехула уьш пенан лакхенна тӀе хьалабевлира. Даудан цӀенна тӀехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агӀор, дӀабахара.
38 Илланчийн шолгӀа тоба, аьрру агӀор а йирзина дӀаяхара. Уьш пенна тӀехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгӀачу тобанца царна тӀаьхьа воьдуш вара. Пешийн бӀаьвнах тӀех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тӀе кхаччалц дӀадахара. 39 Цул тӀаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧӀерийн кевнах а тӀехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бӀаьвнах, Меа олучу бӀаьвнах а тӀехбевлира уьш. УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бахана, ГӀаролан кевнна уллохь севцира уьш.
40 Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте. 41 Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дӀахӀиттира динан дай болу Элъякъим, МаӀсей-ЯхӀу, Мин-Яман, Мика-ЯхӀу, ЭлъюӀинай, Закри-ЯхӀу, Хьанан-ЯхӀу. 42 Иштта Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн метте дӀахӀиттира динан дай болу МаӀсей-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀу, ЭлиӀазар, Ӏузи, ЯхӀу-Хьана, Малки-ЯхӀу, Ӏейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чӀогӀа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхӀу вара.
43 Цу дийнахь дуккха а сагӀанаш дехира цара. Массо а стаг чӀогӀа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш.
Делан цӀа долчохь ечу Ӏамалъяре кхачийтар
44 Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а – цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. 45- 12:45 а: Арадаккхар 25:1-8; б: Арадаккхар 26:12. Цу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гӀуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а дина весеташ. 46 ХӀунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тӀехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тӀехь а куьйгалла дора илланчаша. 47 Зурбабелан а, Нахьми-ЯхӀун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гӀаролхошна а хӀора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цӀийнан керта. Халкъо левихошна дӀалора царна догӀуш долу дакъа, ткъа цунах АхӀаронан тӀаьхьенна догӀуш долу дакъа левихоша оцу тӀаьхьене дӀакхачадора.
13Кхечу къаьмнех болчарах дӀакъастар
1- 13:1, 2 Карлабаьккхинарг 23:3-5. Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дӀадийшира. Цу тӀехь царна дӀаяздина карийра, цхьа а Ӏамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дӀакхета йиш йолуш вац аьлла. 2- 13:2 Лелар 22:1-6. Иза иштта хилла, хӀунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиӀам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неӀалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неӀалт царна тӀера дӀа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира. 3 И товрат-хьехам шайна дӀахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дӀакъастийра.
Нахьми-ЯхӀус дӀахӀиттийна керла хӀуманаш
4 Амма и хӀума хилале тхан Делан цӀийнан чӀоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТӀуби-ЯхӀун захалойх стаг вара), 5 ТӀуби-ЯхӀуна йоккха цхьа чоь дӀаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, пхьегӀаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а уьтталгӀа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгӀаташ а. 6 И хӀума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгӀачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дӀаваха пурба дийхира. 7 Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТӀуби-ЯхӀуна Делан цӀийнан кертахь йолу цхьа чоь дӀаеллера! 8 Со чӀогӀа оьгӀазвахара, сайна и хӀума хезча. Цундела аса ТӀуби-ЯхӀун салпал цу чуьра аракхоьссира. 9 Аса тӀедиллира, и чоь дӀа а цӀанйина, цу чохь хилла йолу Делан цӀа чуьра пхьегӀаш а, наха схьадеана долу кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а шаьш хиллачу метте охьахӀиттае аьлла.
10- 13:10 Карлабаьккхинарг 12:19. Суна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера. 11 Аса хьаькамех и хӀума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цӀа дола ца деш хӀунда дитина?» аьлла. Цул тӀаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гӀуллакхаш дан дӀахӀиттийра. 12- 13:12 Малъаки 3:10. Цул тӀаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгӀа дакъа Делан цӀийнан чӀоьнаш чу схьадеара. 13 Делан цӀа чуьра чӀоьнаш хӀокху нехан кара дӀаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхӀу, Ӏелам стаг волу ЦӀадукъа, левихо волу Пади-ЯхӀу. Ткъа Матан-ЯхӀун кӀентан Закхуран кӀант Хьанан церан гӀоьнча санна дӀахӀоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хӀунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тӀедиллина дара наха схьадеанчу хӀуманах шайн гергарчарна дакъа дар.
14 Ва сан Дела, аса и хӀума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цӀийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гӀуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг!
15- 13:15 Арадаккхар 20:8-10; Карлабаьккхинарг 5:12-14; Ярми-ЯхӀу 17:21, 22. Цу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича. 16 Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чӀерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхӀудхошна дӀадохкархьама. 17 Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! 18 Изза хӀума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хӀокху гӀалина а тӀе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хӀинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чӀогӀа оьгӀазло яйта гӀерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш».
19 Цул тӀаьхьа аса тӀедиллира, пӀерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тӀебогӀучу хенахь, гӀалин кевнаш дӀа а къовлий, шоьтан де дӀадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неӀарш ларъян сайна тешаме болу нах дӀахӀиттийра аса. Церан Ӏалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. 20 Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хӀуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гӀалина арахь буьйсанаш йохуш бара. 21 Аса цаьрга, чӀогӀа бехк а боккхуш, элира: «ГӀалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дӀадохур ду». Цул тӀаьхьа уьш кхин ца богӀура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. 22 Аса левихошна тӀедиллира, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочушде аьлла. Уьш цул тӀаьхьа гӀалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама.
И хӀума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох!
23- 13:23-25 Арадаккхар 34:11-16; Карлабаьккхинарг 7:1-5. Цу деношкахь суна иштта гира, яхӀудхоша шайна ашдодхойх а, Ӏамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. 24 И хӀума бахьана долуш церан берех ахдакъа ашдодхойн, я вукху къаьмнийн мотт буьйцуш дара, яхӀудхойн мотт биц а бина. 25 Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а. 26- 13:26 а: Дауд 12:24, 25; б: Сулим 11:1-8. Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀа а хӀоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира. 27 Ткъа хӀинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“
28- 13:28 Нахьми-ЯхӀу 4:1. ЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира.
29 Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара!
30 Аса исраилхой иштта цӀанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гӀуллакхаш билгалдехира аса, хӀораннан а шен гӀуллакх хилийтархьама. 31 Билгалъяьхначу хенашкахь сагӀанаш дагорна лерина долу дечиг Ӏалашдаран Ӏадат дӀахӀоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза.
Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»