Нахьум-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Нахьум-пайхамаран тептар байтан кепехь ду. Цу тӀехь Нунав-гӀала йожор бахьана долуш адамаш даккхийдеш хилар гойту. Иза заманашкара дуьйна хилла болчу а, чӀогӀа ницкъ бина болчу а исраилхойн мостагӀий болчу ашурхойн коьрта гӀала яра. ГӀала йожор Ӏийса дуьнен тӀе валале ворхӀалгӀачу бӀешеран тӀаьххьарчу декъехь хилла. Къизачу а, дегалчу а къомана Дала дина таӀзар санна гуш ду Нунав-гӀала йожор.

1

1- 1:1–3:19 ЕшаӀ-ЯхӀу 10:5-34; 14:24-27; Цапни-ЯхӀу 2:13-15. Нунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.

Дела Нунав-гӀалина оьгӀазвахар

2 Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву.

Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза.

Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо,

мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.

3 Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду,

Иза Шен ницкъаца сийлахь ву.

Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту.

Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар,

мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.

4 Цо омра дича, хӀорд а бакъало,

дерриг хиш а лекъа.

Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу,

Ливанун-ломан зазанаш дакъало.

5 Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо,

баьрзнаш а деша.

Цуьнан юьхьа хьалха латта а,

дерриг а дуьне а, дуьнен чохь

мел дехарг а дегадо.

6 Мила латталур ву, Иза эргӀадвахча?

Хьан ловр ю Цуьнан чӀогӀа йолу оьгӀазалла?

Цуьнан дералла яьлла цӀе санна хиларна,

тархех Цунна хьалха чан хуьлу.

7 Веза Эла ма дика ву.

Бохам тӀебеача, Иза дӀалочкъийла ву.

Шех бӀобулучарна Ӏуналла до Цо.

8 Амма дерриге а дӀахьулдечу хин дестаро санна,

Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала+ 1:8 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала. *Грекийн гочдар тӀехь: *Шена дуьхьалбевлларш кхоччуш чаккхенга балор бу Цо.*.

Шен мостагӀий Цо бодане дӀахьулбойтур бу.

9 ХӀун дагадеана шуна Везачу Элана дан?

Цо шу кхоччуш хӀаллакдийр ду!

ШолгӀа шуна бохамаш бан оьшур дац.

10 Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий,

баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу,

дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.

11 Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала. 12 Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц. 13 ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».

14 Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела».

15- 1:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:7. Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.

2

Нунав-гӀалина тӀелатар

1 Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина,

ва Нунав-гӀала!

Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш,

ларбе хьайна тӀебогӀу некъ,

хьайн гӀодаюкъ ехка,

схьагулбе ницкъ.

2 Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу,

Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю,

бохам бечара церан латта дассийна делахь а,

церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а.

3 Церан эскархойн турсаш цӀен ду.

Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу.

ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг

тӀамана кечам бинчу дийнахь,

техкаш ю гоьмукъийн хьун.

4 ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда,

майданашкахь къевкъа уьш.

Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу,

къега уьш, секхаӀад санна.

5 Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху,

амма церан болар тийсало.

ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш,

амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу

гӀалин ков харцош болу бӀогӀам

беттачеран ларйо хӀума.

6 Хин кевнаш дӀаделлалуш ду,

паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду.

7 Сацам бина бу.

Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю.

ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу,

сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ.

8 Нунав-гӀала ша мел ю

хих буьзна Ӏам санна яра,

ткъа хӀинца цуьнан нах бовду.

Совцийша! Совцийша! Амма

цхьа а юха ца хьожу.

9 ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши!

Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.

10 Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина.

Дог деша, голаш егайо.

Массеран меженаш чохь онда лазар ду.

Массеран яххьаш макхъелла.

11 Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а,

лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а

цхьаммо а ца кхерош лом-нана а,

лоьман кӀорнеш а лелла йолу?

12 КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо,

лом-нанна кхача балархьама са дукъадора,

шен хьехаш ижух а юзуш,

оьрнаш катоьхначух а дузуш.

13 «ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».

3

МостагӀаша Нунав-гӀала йоккху

1 Бохам тӀебогӀу цӀийх юьзначу гӀалина!

Харцдолчух а, схьаяьккхина хӀонсах а юьзна ю иза,

талораш дар а соцуш дац цигахь.

2 Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тӀак а,

юм еш йогӀучу говрийн татанаш а,

хахкаеллачу гӀудалкхан гӀовгӀа а ю хезаш.

3 Хахкаелла йогӀу дошлойн говраш,

къегаш ду тур, лепа гоьмукъ.

Шортта белларш бу, декъийн оьланаш ю.

Декъийн йист яц, оцу декъех тийсало.

4 Иза Нунав-гӀалин лелар бахьана долуш ду.

И гӀала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара,

жинашца тайна хилар тӀехь уггар а говза йолу,

шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу,

шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу.

5 «ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. –

Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тӀе озор ю.

Ас халкъашна хьан ерзина ялар,

ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дӀагойтур ду.

6 Ас боьха дерш тӀекхуьйсур ду хьуна,

хьох Сан дог мел далар а гойтуш,

Ас нах кхардийта дӀахӀоттор ю хьо.

7 Хьо гича, муьлххачу а стага, хьох дӀа а воьрзуш,

эр ду: „Йохийна Нунав-гӀала!

Хьенан хир бу цунах лаьцна дагахьбаллам?

Мичара карор бу Суна хьан дог оьцурш?“»

Бахархошка Нунав-гӀала лар ца яло

8 Ну-Амин-гӀаланал+ 3:8 *Ну-Амин-гӀаланал *– хьалхалерчу заманахь иза Мисар-мехкан коьрта гӀала хилла.* гӀолехь-м яц хьо, хиша го а бина, Нил-хина юххехь йолчу? Хих цунна чӀагӀо хилла, хи цунна гӀалин пен санна хилла. 9 Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПӀатӀа а, Лива-мохк а цуьнга гӀо лаца богӀура. 10 Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цӀеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.

11 Иштта хьо а, Нунав-гӀала, яха а ехна, къайлаер ю. Иштта ахьа а, хьайн мостагӀех дӀа а едда, дӀалечкъийла лоьхур ю. 12 Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чӀагӀонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу. 13 Хьайн эскаре хьажал! Хьан тӀемалой зударех тера хир бу! МостагӀий хьан махка чугӀурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гӀораш цӀеро дӀакхаьллина хир ду. 14 Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чӀагӀонаш чӀагӀъе, хотта юкъа гӀо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе. 15 Цигахь цӀеро хӀаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦӀазо ялта дӀакхалларе терра, хьо а йиъна дӀайоккхур ю!

Къона а, доккха а цӀоз санна, дебаш хила! 16 Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цӀоз санна, цӀока дӀа а яьккхина, хьалаоьху. 17 Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.

18 Ашур-мехкан паччахь, хьан Ӏуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дӀасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан. 19 Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!