Ӏийсас беана,
Марка
дӀаязбина болу хаза кхаъ
Дешхьалхе
Ӏийсас беанчу, Марка дӀаязбинчу хазачу кхоо хоуьйту «Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ» хилар. ГӀуллакхаш кхочуш деш волу а, олалла долуш волу а стаг Ӏийса вуйла гойтуш ду тептар тӀехь. Цо адамашка кхайкхам барехь а, жинашна тӀехь нуьцкъала Иза хиларехь а, нехан къиношна Цо гечдарехь а Цуьнан олалла гуш ду. Шаьш летийначу къинойх адамаш паргӀатдахархьама Шен дахар дӀадала веана ву Ша-Шех Адамийн КӀант олу Ӏийса.
Ӏийсах лаьцна долу тептар хала йоцучу а, хьуьнаречу а кепехь яздина ду Марка . И тептар яздеш, уггар хьалха Ӏийсас диначун, ткъа цул тӀаьхьа бен Цуьнан дешнийн а, хьехамийн а чӀагӀо ца йо яздархочо. Нах хих чекхбохучу Яхьъях а, Ӏийса хих чекхваккхарх а, Иза зерах а лаьцна долу тептаран доца дӀадолор (1:1-13) чекхдаьлча, Ӏийсас нах тобарх а, нахана хьехам барх а лаьцна дийца доладо Марка (1:14–9:50). Хан мел йолу а, Ӏийсан мурдаш Цунах дика кхета буьйлало, амма Цуьнан мостагӀийн гамо алсамйолуш хуьлу (10:1-52). Тептар дерзош долу кортош (11–16 кортош) Ӏийсан кху дуьнен тӀехь долчу дахаран тӀаьххьарчу кӀиранна чохь хиллачу гӀуллакхех лаьцна ду. Цу кортошкахь чӀогӀа леррина дуьйцуш ду Ӏийса жӀарах дӀатохарх а, Иза веллачуьра денваларх а лаьцна.
Тептаран уггар тӀаьхьарчу коьртан дерзоран дакъа (16:9-20) къовларш юкъа лаьцна ду, хӀунда аьлча дукхахьолахь хетало, и дакъа Марк а воцуш, кхечу стага яздина хилар.
1Дала леррина Къобалвинарг гучуваларна адам кечдо Яхьъя-пайхамаро
(Маттай 3:1-12; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)
1 Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. 2- 1:2 Малъаки 3:1. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера:
«Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас.
Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
3- 1:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе,
нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».
4 Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». 5 ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга. 6- 1:6 Сулим 1:8. Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс. 7 Адамашна иштта хьехамаш бора цо:
«Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со. 8 Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
Ӏийса хих чекхваккхар
(Маттай 3:13–4:11; Лака 3:21, 22; 4:1-13)
9 Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира. 10 Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира. 11- 1:11 Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; 12:18; Марк 9:7; Лака 3:22. Ткъа стигалара аз хезира:
«Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
12 Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира. 13 Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.
Ӏийсас мурдаш къастабо
(Маттай 4:12-22; Лака 4:14, 15; 5:1-11)
14 Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара. 15- 1:15 Маттай 3:2. Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».
16 Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела. 17 Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 18 Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
19 Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара. 20 Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.
Жино хьийзош волу стаг
(Лака 4:31-37)
21 Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. 22- 1:22 Маттай 7:28, 29. Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.
23 ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: 24 «Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!»
25 Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.
26 ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. 27 Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».
28 Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Ӏийсас дукха адам тодо
(Маттай 8:14-17; Лака 4:38-41)
29 Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара. 30 ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага. 31 Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
32 Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе. 33 Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре. 34 Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
35 Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира. 36 Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера. 37 И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву». 38 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».
39- 1:39 Маттай 4:23; 9:35. Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово
(Маттай 8:1-4; Лака 5:12-16)
40 ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
41 Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» 42 Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира. 43 Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга: 44- 1:44 Ӏамалъяр 14:1-32. «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
45 Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.
2Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
(Маттай 9:1-8; Лака 5:17-26)
1 Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира. 2 И волчу дукха адам гулделира, неӀарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Ӏийсас царна хьехамаш бора. 3 Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара. 4 Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира. 5 Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
6 Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: 7 «Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
8 Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш? 9 Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“? 10 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира: 11 «Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»
12 Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»
Левига тӀекхайкхар
(Маттай 9:9-13; Лака 5:27-32)
13 Юха а Ӏоман берда тӀе веара Ӏийса. Цунна тӀе дукха адам деара, ткъа Ӏийса царна хьехамаш бан волавелира. 14 Юххехула чекхволуш, Цунна ХӀалпайн кӀант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Ӏаш. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» Леви, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьххье дӀавахара.
15 Цхьана дийнахь Ӏийса Левин цӀахь хӀума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хӀунда аьлча Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинарш алссам бара. 16 Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Ӏийсас хӀума юуш а гина, парушхойн юкъара Ӏеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хӀума хӀунда йоу Цо?» – аьлла.
17 Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Лака 5:33-39)
18 Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тӀе а веана, хаьттира Ӏийсага: «И хӀун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»
19 Ӏийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. 20 Ткъа цхьа хан йогӀур ю, и зуда ялийнарг дӀа а вигна, тӀаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш».
21 ТӀаккха Ӏийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тӀе, керлачу кӀадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хӀунда аьлча и йома тӀеттӀа а яхана, бедар тӀе а оьзна, и Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 22 Я цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту».
СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Маттай 12:1-8; Лака 6:1-5)
23- 2:23 Карлабаьккхинарг 23:25. Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула чекхволуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кӀен кенаш схьадохура. 24 ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» – аьлла. 25 Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 26- 2:25, 26 Шамъал 21:1-6. Иза, динан коьрта да Абу-ЯтӀари волчу хенахь, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
27 КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна. 28 Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
3Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг тово
(Маттай 12:9-14; Лака 6:6-11)
1 Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. 2 Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 3 Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».
4 ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»
Ткъа уьш бист ца хилира
5 ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира. 6 Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.
Берда тӀехь Ӏийсана гонах дуккха а адам гулдалар
7 Цу хенахь Ӏийса Шен мурдашца Ӏома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхӀуд-махкара а, 8 Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тӀехьара а, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а гонах Ӏаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гӀуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тӀе уьш. 9- 3:9, 10 Марк 4:1; Лака 5:1-3. Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка. 10 Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Ӏийсана юххе гӀертара, Цунах куьг Ӏотта гӀерташ. 11 ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш. 12 Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.
Шийтта векал харжар
(Маттай 10:1-4; Лака 6:12-16)
13 Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира. 14 Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, 15 адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. 16 Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг), 17 Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан+ 3:17 *Ткъесан кӀентий *– кхечу тайпана аьлча: *карзахе кӀентий.* кӀентий» бохург ду), 18 Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), 19 ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг.
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Маттай 12:22-32; Лака 11:14-23; 12:10)
20 Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а. 21 Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш. 22- 3:22 Маттай 9:34; 10:25. Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»
23 ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? 24 Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю. 25 Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. 26 Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу.
27 Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь.
28 Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь, 29- 3:29 Лака 12:10. амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“».
30 Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела.
Ӏийсан нана а, вежарий а
(Маттай 12:46-50; Лака 8:19-21)
31 Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира, 32 хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш».
33 Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» 34 ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий! 35 ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».
4Ахархочух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:1-9; Лака 8:4-8)
1- 4:1 Лака 5:1-3. Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира. 2 Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:
3 «ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. 4 Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 5 Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара. 6 Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира. 8 Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».
9 ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».
Дустаран маьӀна довзийтар
(Маттай 13:10-17; Лака 8:9, 10)
10 Ӏийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна. 11 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,
12- 4:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10 (Грекийн). „царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама,
хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама,
кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара,
ткъа Ас гечдийр дара царна“».
Ахархочух лаьцначу дустаран маьӀнах кхетор
(Маттай 13:18-23; Лака 8:11-15)
13 Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу? 14 Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду. 15 Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо. 16 Кхиберш тера бу тӀулгашна юккъе эгначу хӀух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош. 17 Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тӀе халонаш хӀиттича, уьш сихха юхабовлу. 18 Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу, 19 амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло. 20 Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тӀе эгначу буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тӀе а эцна, пайден стом луш берш бу – наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бӀозза а сов луш».
Кхабина буха хӀоттийна стогар
(Лака 8:16-18)
21- 4:21 Маттай 5:15; Лака 11:33. Кхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу? 22- 4:22 Маттай 10:26; Лака 12:2. ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 23 Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»
24- 4:24 Маттай 7:2; Лака 6:38. Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу. 25- 4:25 Маттай 13:12; 25:29; Лака 19:26. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».
Даьлла догӀучу кӀен буьртигех лаьцна дустар
26 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу. 27 Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа. 28 Лаьтто ша кхиадо и хӀу: хьалха зӀийдиг а тосий, тӀаккха гӀа а долий, кӀен буьртигаш а хуьлий, дӀахӀутту. 29- 4:29 Юал 3:13. КӀен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кӀа хьокху хан тӀееана дела».
ХӀух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:31, 32, 34; Лака 13:18, 19)
30 Цул тӀаьхьа Ӏийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна? 31 Лаьтта тӀехь уггаре а жимачу хӀуьнах тера ду иза, и дӀадуьйчу хенахь. 32 Амма иза дӀадийначул тӀаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дӀахӀутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тӀехь».
33 Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас – адамаш кхетар долчу тайпана. 34 Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Маттай 8:23-27; Лака 8:22-25)
35 Цу дийнахь суьйранна Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе довла вай». 36 ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара. 37 ЦӀеххьана, чӀогӀа мох а баьлла, тулгӀенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара. 38 Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?» 39 ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира. 40 Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»
41 Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
5Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар
(Маттай 8:28-34; Лака 8:26-39)
1 Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара. 2 Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. 3 Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза, 4 хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. 5 Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза.
6 Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, 7 чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» 8 Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.
9 ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» – бохуш.
Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду». 10 Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла. 11 Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 12 Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. 13 Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара.
14 Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла. 15 Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. 16 И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна.
17 ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла.
18 Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. 19 Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а».
20 Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура.
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а
(Маттай 9:18-26; Лака 8:40-56)
21 Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. 22 Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, 23 чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш.
24 Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. 25 Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. 26 Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза. 27 Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира. 28 ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла. 29 Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна.
30 Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла.
31 Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
32 Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. 33 ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга. 34 Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».
35 Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара.
36 Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». 37 Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца. 38 Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира. 39 ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю».
40 Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза. 41 Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» – бохург ду). 42 И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера. 43 Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», – элира Цо цаьрга.
6Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Лака 4:16-30)
1 Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гӀала веара Ӏийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара. 2 Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. 3 Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?»
Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. 4- 6:4 Яхьъя 4:44. Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 5 Цигахь башха тамашийна хӀума ца даделира Ӏийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тӀе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. 6 Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх.
Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор
(Маттай 10:5-15; Лака 9:1-6)
ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза. 7 Шен шийтта векал тӀе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тӀехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дӀасахьажийра Ӏийсас. 8 Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург. 9 Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо». 10 Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц. 11- 6:8-11 Лака 10:4-11. Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
12 ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш. 13- 6:13 Якъуба 5:14. Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара.
Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Маттай 14:1-12; Лака 9:7-9)
14- 6:14, 15 Маттай 16:14; Марк 8:28; Лака 9:19. Ӏийсан цӀе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХӀарод-паччахьна а дӀахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Ӏийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хӀуманаш до», – олура. 15 Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш.
16 И шена хезча, ХӀарода элира: «Аса корта тӀера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», – аьлла. 17- 6:17, 18 Лака 3:19, 20. ХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. 18 ХӀунда аьлча Яхьъяс аьллера ХӀароде, цо шен вешин зуда шена йигар Ӏедалехь нийса дац аьлла. 19 Цундела ХӀародад хьагӀ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дӀаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара, 20 хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора.
Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.
21 Цкъа ХӀарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хӀоттийра, пачхьалкхан а, тӀеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина. 22 Ткъа ХӀародадан йоӀ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чӀогӀа там хиллера ХӀародана а, цуьнан хьешашна а. ТӀаккха ХӀарода оцу йоӀе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дӀалур ю хьуна», – аьлла. 23 Цо, дуй биъна, чӀагӀо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», – аьлла.
24 ЙоӀа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХӀун еха аса», – аьлла.
Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», – аьлла.
25 ЙоӀа, сихха паччахьна тӀе а яхана, дийхира: «Ахьа хӀинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», – аьлла.
26 Паччахьна и чӀогӀа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна. 27 ХӀарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тӀера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина, 28 схьа а беана, шуьна чохь йоӀе дӀакховдийра, ткъа йоӀа шен нене белира иза. 29 Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегӀ схьа а эцна, къубба чу диллира.
Пхи эзар стаг вузор
(Маттай 14:13-21; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)
30 Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. 31 Ӏийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доӀуьйтуш, адам доцучу метте дӀадовла вай цхьаьна». ХӀунда аьлча уьш болчу меттехь чӀогӀа дукха нах бара, ур-атталла хӀума яа а меттиг ца йолуш. 32 Цундела уьш, нахах дӀа а къаьстина, хинкеман тӀехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира. 33 Амма дукхахболу нах, хӀорш дӀабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гӀаланашкара гул а белла, берд тӀехула бевдда, кхарал хьалхабевлира. 34- 6:34 Лелар 27:17; Сулим 22:17; 2 Шерашкахь 18:16; Яхьазкхиал 34:5; Маттай 9:36. Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Ӏу воцу уьстагӀех а тарбелла, царах чӀогӀа къахийтира Ӏийсана. ТӀаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. 35 Де чаккхенга гӀерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Ӏийсана тӀе а бахана, элира Цуьнга: «ХӀара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. 36 Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дӀабахийтахьа и нах».
37 Амма Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».
Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бӀе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?»
38 ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГӀой, хьовсал».
Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чӀара а бу-кх».
39 ТӀаккха, и нах берриш а сийначу бай тӀе охьаховшабе аьлла, омра дира Ӏийсас мурдашка. 40 Уьш, бекъа а белла, бӀе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. 41 Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо. 42 Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. 43 Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира. 44 Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара.
Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Маттай 14:22-33; Яхьъя 6:15-21)
45 Цу сохьта и нах Ша дӀахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тӀе а хаийтина, Шел хьалха, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе Бет-Саида-гӀала дӀабахийтира Ӏийсас Шен мурдаш. 46 Нах дӀа а хьажийна, доӀа дан лам тӀе хьалавелира Ӏийса. 47 Суьйре тӀееача, хинкема Ӏомана юккъехь дара, ткъа Ӏийса лам тӀехь Ша вара. 48 Хин тӀехь дуьхьал богӀу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Ӏийсана. ТӀаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тӀаьхьа Иза хи тӀехула царна тӀе вахара. Ӏийса тӀехвала воллучу хенахь, 49 Иза хин тӀехула волавелла вогӀу а гина, мурдашна Иза гӀаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира, 50 хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 51 ТӀаккха Иза цаьрца кеман тӀе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чӀогӀа цецбевллера, 52 хӀунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хӀуманах а ца кхийтира уьш, дӀакъовладелла дара церан дегнаш.
53 Хин кеман тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш. 54 Уьш кеман тӀера охьабуьссушехь, нахана Ӏийса вевзира. 55 Цара, бевдда, сихонца дӀасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТӀаккха Ӏийса миччахьа сецча а, Цунна тӀе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира. 56 Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гӀаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тӀе а балабой, чӀогӀа доьхура Ӏийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дӀахӀуттура.
7Дайша лелийна Ӏадаташ
(Маттай 15:1-9)
1 Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла. 2 Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.
3 ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу. 4 Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь.
5 Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла.
6- 7:6, 7 ЕшаӀ-ЯхӀу 29:13 (Грекийн). Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара:
„ХӀокху адамаша Со багахь лору,
ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
7 Церан ларамах пайда бац,
хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац,
уьш адамаша кхоьллина бу“.
8 Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору».
9 Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар. 10- 7:10 а: Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; б: Арадаккхар 21:17; Ӏамалъяр 20:9. Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 11 Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘ кхурбан’ дӀало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“ бохург ду), – аьлча, 12 дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша. 13 Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша».
Далла гергахь стаг бехвеш дерг
(Маттай 15:10-20)
14 ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш. 15 Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза»+ 7:15 *Цхьадолчу грекийн тептарш тӀехь аят 16 тӀетоьхна ду: *«Лергаш долчунна дӀахезийла».*. 17 Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. 18 Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? 19 ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.)
20 Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво. 21 ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, 22 ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а. 23 И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво».
Кхечу къомах йолчу зудчун тешар
(Маттай 15:21-28)
24 И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. 25 Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. 26 Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. 27 Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар».
28 Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш».
29 ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра».
30 Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ.
Къора а, лер доьхна а волу стаг туовар
31 Цора-гӀалина гонахьара меттигашкара ЦӀаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Ӏомана тӀе веара Ӏийса. 32 Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Ӏийсана тӀе а валийна, цара дехарш дира, цунна тӀе куьйгаш дахкахьара аьлла. 33 И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пӀелгаш дехкира Ӏийсас. ТӀаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Ӏотта а велла, 34 стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду).
35 Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дӀа а бастабелла, цӀенна хабар дийца а волавелира иза. 36 Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. 37 Адамаш чӀогӀа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».
8Виъ эзар стаг вузавар
(Маттай 15:32-39)
1 Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Ӏийса волчу, ткъа царна яа хӀума яцара. Ӏийсас, Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, элира цаьрга:
2 «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. 3 Аса меца дӀабахийтича, новкъахь гӀеллур бу уьш, хӀунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу».
4 Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХӀара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?»
5 Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла.
«ВорхӀ ду», – аьлла, жоп делира цара.
6 ТӀаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхӀ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доӀа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Ӏийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. 7 Иштта масех жимо чӀара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Ӏийсас. 8 Наха шаьш буззалц хӀума йиира. Дисинчу дакъоша ворхӀ тускар дуьзира. 9 Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара.
Цул тӀаьхьа Ӏийсас нах дӀабахийтира, 10 ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тӀе а хиъна, ДалманутӀа олучу меттигна юххехьа веара.
Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Маттай 16:1-4; Лака 11:29-32)
11- 8:11 Маттай 12:38; Лака 11:16. Цигахь парушхой, тӀе а баьхкина, Ӏийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Ӏийсага, Иза зерхьама. 12- 8:12 Маттай 12:39; Лака 11:29. Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».
13 ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.
Парушхойн а, ХӀародан а муьста бод
(Маттай 16:5-12)
14 Оцу хенахь мурдашна шайна яа хӀума схьаэца дицделлера, хинкеман тӀехь долу цхьа бепиг бен хӀумма а яцара цаьргахь. 15- 8:15 Лака 12:1. Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».
16 ТӀаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хӀун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка.
17 Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Ӏийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХӀинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? 18- 8:18 Ярми-ЯхӀу 5:21; Яхьазкхиал 12:2; Марк 4:12. БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна, 19 маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?»
«Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша.
20 «Ткъа Аса ворхӀ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?»
«ВорхӀ», – жоп делира цара.
21 ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» – аьлла.
Бет-Саида-гӀалахь бӀаьрзениг тово Ӏийсас
22 Уьш Бет-Саида-гӀала кхечира. Цигахь Ӏийсана тӀе бӀаьрса дайна стаг а валийна, цунах Ӏотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга. 23 Ӏийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТӀаккха цуьнан бӀаьргаш тӀе туй а хьаькхна, стагана тӀе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХӀумма а гой хьуна?» – аьлла.
24 Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду».
25 ТӀаккха Ӏийсас Шен куьйгаш стеган бӀаьргашна тӀе дехкира, вукхо бӀаьргаш шуьйра дӀабиллира, цунна бӀаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дӀахӀоьттира иза. 26 ТӀаккха Ӏийсас и стаг цӀа вахийтира: «Юьрта чу ма гӀолахь», – олуш.
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Маттай 16:13-20; Лака 9:18-21)
27 Цул тӀаьхьа Ӏийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гӀалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла.
28- 8:28 Марк 6:14, 15; Лака 9:7, 8. Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш».
29- 8:29 Яхьъя 6:68, 69. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»
Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
30 ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:21-28; Лака 9:22-27)
31 Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а. 32 Ӏийсас, лечкъа а ца деш, дӀадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира. 33 Амма Ӏийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».
34- 8:34 Маттай 10:38; Лака 14:27. ТӀаккха, нах а, Шен мурдаш а тӀе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, шен баланийн мохь+ 8:34 *Баланийн мохь *– бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: *жӀаран бӀогӀам.* тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза. 35- 8:35 Маттай 10:39; Лака 17:33; Яхьъя 12:25. ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дӀалучо иза кӀелхьардоккхур ду. 36 ХӀунда аьлча хӀун пайда бу адамна, хӀара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча. 37 Ткъа хӀун делча, шен са юхадерзалур ду адаме? 38 Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».
91 ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».
Ӏийса хийцавалар
(Маттай 17:1-13; Лака 9:28-36)
2- 9:2-7 2 Кипин 1:17, 18. Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. 3 Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана. 4 Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 5 Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна». 6 Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера. 7- 9:7 Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 3:22. Ткъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» – аьлла. 8 Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.
9 Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц. 10 Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?» 11- 9:11 Малъаки 4:5; Маттай 11:14. Цара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»
12 Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? 13 Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Маттай 17:14-21; Лака 9:37-43)
14 Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна. 15 Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама. 16 Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла.
17 Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. 18 И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».
19 ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».
20 КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира. 21 ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?»
«Беран хенахь дуьйна», – элира дас. 22 «Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».
23 Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».
24 КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»
25 Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» – аьлла.
26 Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла». 27 Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира. 28 Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла.
29 «И тайпа жинаш доӀанца бен+ 9:29 *ДоӀанца бен *– цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: *доӀанца а, марханца а бен.*, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.
Ӏийсас юха а шен вала везарх а, денвала везарх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 17:22, 23; Лака 9:43б-45)
30 Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догӀий хаа ца лаьара Ӏийсана, 31 Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Ӏийсас олура цаьрга: «Адамийн КӀант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
32 Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Маттай 18:1-5; Лака 9:46-48)
33 Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла.
34- 9:34 Лака 22:24. Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара. 35- 9:35 Маттай 20:26, 27; 23:11; Марк 10:43, 44; Лака 22:26. ТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». 36 Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо: 37- 9:37 Маттай 10:40; Лака 10:16; Яхьъя 13:20. «Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
Вайна дуьхьал воцург – вайца ву
(Лака 9:49, 50)
38 Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
39 Ӏийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хӀунда аьлча, цхьаммо а Сан цӀарах Ӏаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац, 40- 9:40 Маттай 12:30; Лака 11:23. хӀунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву. 41- 9:41 Маттай 10:42. Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».
42 «Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича. 43- 9:43 Маттай 5:30. Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха – заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш+ 9:43 *Цхьадолу тептарш тӀехь аят 44 тӀетоьхна ду: *нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.*. 45 Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул+ 9:45 *Цхьадолу тептарш тӀехь аят 46 тӀетоьхна ду: *нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.*. 47- 9:47 Маттай 5:29. Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул, 48- 9:48 ЕшаӀ-ЯхӀу 66:24. цу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“. 49 ХӀунда аьлча Дала цӀергахь цӀанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.
50- 9:50 Маттай 5:13; Лака 14:34, 35. Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».
10Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам
(Маттай 19:1-12; Лака 16:18)
1 И мохк а битина, ЯхӀуд-махка Йордан тӀехьа дӀаволавелира Ӏийса. Юха а адамийн тобанаш йогӀура Цунна тӀе, ткъа гуттар а санна Ӏийсас царна хьехамаш бора. 2 Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла.
3 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»
4- 10:4 Карлабаьккхинарг 24:1-4; Маттай 5:31. Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».
5 Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела. 6- 10:6 Доладалар 1:27; 5:2. Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь,
„Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.
7- 10:7, 8 Доладалар 2:24. „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,
стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
8 ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, 9 цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
10 ТӀаьхьо, уьш цӀа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Ӏийсага. 11- 10:11, 12 Маттай 5:32; 1 Коринтхошка 7:10, 11. ТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. 12 Ткъа зуда, майрачух дӀа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».
Ӏийсас бераш декъалдо
(Маттай 19:13-15; Лака 18:15-17)
13 Ӏийсага куьг тӀедиллийтархьама бераш далийра Цунна тӀе, амма мурдаша тӀе ца дуьтура уьш. 14 Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу. 15- 10:15 Маттай 18:3. Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
16 ТӀаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тӀе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Ӏийсас.
Хьалдолу стаг
(Маттай 19:16-30; Лака 18:18-30)
17 Ӏийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тӀеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хӀун дан деза те?»
18 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“ хӀунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 19- 10:19 а: Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; б: Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; ц: Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; д: Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20; э: Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16. Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду:
„Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хӀилла а ма леладе, дай-наний а лара“?»
20 Оцу стага элира Ӏийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогӀуш ву со».
21 Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
22 Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тӀехь хийца а велла, гӀайгӀане а воьжна, дехьавелира, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.
23 Ӏийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила!»
24 Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Ӏийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25 Эмкална а механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
26 Ткъа мурдаш, кхин тӀе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТӀаккха кӀелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш.
27 Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».
28 Кипас элира тӀаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо».
29 Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цӀа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна 30 бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду. 31- 10:31 Маттай 20:16; Лака 13:30. Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
Ӏийсас кхозлагӀа а Шен Ӏожаллех а, Ша денлург хиларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 20:17-19; Лака 18:31-34)
32 Уьш кхин дӀа а Ярушалайме дӀабахара. Ӏийса хьалхаваьлла вогӀура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тӀаьхьа хӀиттина боьлхура. Ӏийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: 33 «ЛадогӀалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КӀант динан коьрта дайн а, Ӏелам нехан а кара лур ву, тӀаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дӀа а лур ву. 34 Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тӀе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
Якъубан а, Яхьъян а дехар
(Маттай 20:20-28)
35 ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».
36 «Ткъа Ас хӀун дан лаьара шуна?» – элира Ӏийсас.
37 Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агӀор, важа аьрру агӀор», – аьлла.
38- 10:38 Лака 12:50. Амма Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хӀордах довлалур дуй те шу?»
39 Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла.
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хӀордах а чекхдевр ду шу, 40 амма Сайн аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
41 Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара Якъубана а, Яхьъяна а. 42- 10:42, 43 Лака 22:25, 26. ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тӀехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла. 43- 10:43, 44 Маттай 23:11; Марк 9:35; Лака 22:26. Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла, 44 я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла. 45 ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Ӏийсас бӀаьрзе Бар-Тхьамай туовар
(Маттай 20:29-34; Лака 18:35-43)
46 Ӏийса мурдашца Ерихоне веанера. ТӀаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гӀалара араволучу хенахь бӀаьрзе волу Тхьамайн кӀант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагӀа доьхуш. 47 Назартхо Ӏийса вогӀуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Ӏийса, Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох». 48 Дукхахболчара иза чехавора, гӀовгӀа ма е а бохуш, амма и кхин а чӀогӀа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
49 Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира.
БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш. 50 Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза.
51 «Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» – хаьттира Ӏийсас.
БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна».
52 Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».
Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.
11Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Лака 19:28-40; Яхьъя 12:12-19)
1 Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас. 2 Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае. 3 Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, – ала».
4 Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира. 5 Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» – аьлла. 6 Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш. 7 Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира. 8 Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура. 9- 11:9 Забур 117:25, 26. Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара:
«„ ХӀашанна!“+ 11:9 *ХӀашанна! *– арамхойн маттахь «КӀелхьара даха Ахьа тхо хӀинца!» бохург ду.*
„Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“
10 Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх!
ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла».
11 Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.
Комарийн диттана сардам боллар
(Маттай 21:18, 19)
12 ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера. 13 Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара. 14 ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!»
Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш.
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Маттай 21:12-17; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)
15 Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо. 16 ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо. 17- 11:17 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 56:7; б: Ярми-ЯхӀу 7:11. Ӏийсас хьехамаш бора царна:
«Яздина дац:
„Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“?
Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
18 Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19 Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.
Дакъаделлачу комарийн диттах лаьцна хьехам
(Маттай 21:20-22)
20 Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира. 21 ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».
22 Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23- 11:23 Маттай 17:20; 1 Коринтхошка 13:2. Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24 Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна. 25- 11:25, 26 Маттай 6:14, 15. Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама»+ 11:25 *Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 26 тӀетоьхна ду: *«Нагахь санна аш геч ца дахь, шун Стигаларчу Дас а гечдийр дац шун къиношна».*.
Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Маттай 21:23-27; Лака 20:1-8)
27 Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе. 28 Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
29 Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30 Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!»
31 ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 32 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)
33 Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.
ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
12Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 21:33-46; Лака 20:9-19)
1- 12:1 ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1, 2. Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 2 Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта. 3 Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна. 4 ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а. 5 Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш. 6 Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла. 7 Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 8 Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.
9 Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш. 10- 12:10, 11 Забур 117:22, 23. Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна:
„ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
11 Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»
12 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Маттай 22:15-22; Лака 20:20-26)
13 Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе. 14 Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»
15 Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».
16 Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»
«Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга. 17 ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.
Денваларх лаьцна
(Маттай 22:23-33; Лака 20:27-40)
18- 12:18 Векалийн 23:8. Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. 19- 12:19 Карлабаьккхинарг 25:5. Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“. 20 ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 21 ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а. 22 ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла. 23 Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»
24 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу? 25 Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 26- 12:26 Арадаккхар 3:6. Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? 27 Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».
Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
(Маттай 22:34-40; Лака 10:25-28)
28 Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»
29- 12:29, 30 Карлабаьккхинарг 6:4, 5. Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду:
„ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву!
30 Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“,
И ду коьрта гӀуллакх! 31- 12:31 Ӏамалъяр 19:18. ШолгӀаниг а иштта ду:
„Хьайн уллораниг хьо санна веза“.
Царал коьртанаш цхьа а дац».
32- 12:32 Карлабаьккхинарг 4:35. «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац. 33- 12:33 ХӀушаӀ 6:6. Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».
34- 12:28-34 Лака 10:25-28. Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Лака 20:41-44)
35 Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „ Дала леррина Къобалвинарг Даудан кӀант ву“? 36- 12:36 Забур 109:1. Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла:
„Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:
Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
37 Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?»
Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.
Ӏелам нахах ларлолаш
(Маттай 23:1-36; Лака 20:45-47)
38 Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш. 39 Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан. 40 Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».
Йисина Ӏачу зудчун сагӀа
(Лака 21:1-4)
41 Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура. 42 Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира. 43 Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду. 44 Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».
13Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:1, 2; Лака 21:5, 6)
1 Ӏийса Делан цӀийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тӀулгаш а, гӀишлош а!»
2 Ӏийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гӀишлош? И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Лака 21:7-19)
3 Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: 4 «Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?»
5 Царна жоп а луш, Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, 6 хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Ӏехор бу цара. 7 Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац. 8 Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.
9- 13:9-11 Маттай 10:17-20; Лака 12:11, 12. Амма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10 Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза. 11 ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг».
12 «Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 13- 13:13 Маттай 10:22. Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».
Боккха гӀайгӀа-бала
(Маттай 24:15-28; Лака 21:20-24)
14- 13:14 Даниал 9:27; 11:31; 12:11. «Ткъа хӀотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хӀума“ хӀоттийна шайна гича (хӀара доьшург нийса кхетийла!), тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 15- 13:15, 16 Лака 17:31. Тхов тӀехь нисвелларг, охьа а воьссина цӀа чу ма гӀо, цо шен цӀа чуьра цхьа хӀума схьа ма эца. 16 Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 17 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 18 Шаьш довда дезар Ӏай ца хилийтар Деле дехалаш. 19- 13:19 Даниал 12:1; Довзийтинарг 7:14. ХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу. 20 Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош. 21 Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 22 хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама. 23 Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дӀахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг».
Адамийн КӀант схьавар
(Маттай 24:29-31; Лака 21:25-28)
24- 13:24 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Юал 2:10, 31; 3:15; Довзийтинарг 6:12; б: Яхьазкхиал 32:7. «Амма оцу деношкахь, и баланаш тӀехӀоьттинчул тӀаьхьа,
„малх кхулур бу,
батто а серло лур яц,
25- 13:25 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 34:4; Довзийтинарг 6:13; б: Юал 2:10. стигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“».
26- 13:26 Даниал 7:13; Довзийтинарг 1:7. «ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант. 27 Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Маттай 24:32-35; Лака 21:29-33)
28 «Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 29 Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а. 30 Бакъдерг боху шуьга: ХӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 31 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа
(Маттай 24:36-44)
32- 13:32 Маттай 24:36. «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 33 Варелаш, сема хилалаш, хӀунда аьлча и хан тӀе маца кхочу ца хаьа шуна. 34- 13:34 Лака 12:36-38. Масала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу. 35 Иштта сема хилалаш! ХӀунда аьлча шуна ца хаьа хӀусаман да цӀа маца вогӀур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нӀаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. 36 ЦӀеххьана иза цӀа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш. 37 Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хӀоранга а: „Сема хилалаш!“»
14Ӏийса вен бина болу барт
(Маттай 26:1-5; Лака 22:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1- 14:1 Арадаккхар 12:1-27. Ши де даьлча тӀедан дезаш дара « Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХӀилланца схьа а лаьцна, Ӏийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. 2 Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.
Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар
(Маттай 26:6-13; Яхьъя 12:1-8)
3- 14:3 Лака 7:37, 38. Ӏийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо. 4 Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян? 5 ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш».
Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.
6 Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх. 7- 14:7 Карлабаьккхинарг 15:11. ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца. 8 Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. 9 Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
ЯхӀуд-Искархо Ӏийсана ямартло ян реза хилар
(Маттай 26:14-16; Лака 22:3-6)
10 ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама. 11 И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхӀуда Ӏийса церан кара дӀавала аьтто лоьхура.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даар
(Маттай 26:17-25; Лака 22:7-14, 21-23; Яхьъя 13:21-30)
12 Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
13 ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо. 14 Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 15 Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».
16 Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира. 17 Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара. 18- 14:18 Забур 40:10. ДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».
19 Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»+ 14:19 *Цхьадолчу тептарш тӀехь кхин дӀаяздина ду: *Вукхо а элира: «Со-м вац хир ву иза?».*
20 Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг. 21 Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
Везачу Элан пхьор
(Маттай 26:26-30; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
22 Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира:
«Схьаэца – иза Сан дегӀ ду».
23 ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира. 24- 14:24 а: Арадаккхар 24:8; б: Ярми-ЯхӀу 31:31-34. Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу. 25 Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц».
26 ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)
27- 14:27 Закри-ЯхӀу 13:7. Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду:
„Ӏуьнна чов йийр ю Аса,
ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».
28- 14:28 Маттай 28:16. «Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
29 Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо».
30 ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».
31 Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
Ӏийсас Гатшамани-бешахь доӀа дар
(Маттай 26:36-46; Лака 22:39-46)
32 Цул тӀаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ас доӀа дечу юкъана, ховший Ӏе кхузахь». 33 ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира. 34 Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».
35 Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Ӏийсас доӀа дира: «Нагахь йиш елахь, дӀакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – 36 кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
37 Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Ӏохкуш карийра Цунна. ТӀаккха Цо элира Кипе: «ШамӀа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо? 38 Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».
39 Юха а дехьо ваьлла, доӀа дира Цо, изза дешнаш олуш. 40 Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. Шаьш Ӏийсага хӀун эр ду а ца хууш биснера уьш.
41 КхозлагӀа а тӀевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хӀинца а наб еш, садоӀуш ду? Тоьар ду, тӀедеана и сахьт. Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна. 42 Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Маттай 26:47-56; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)
43 Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а. 44 Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».
45 Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира. 46 Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса. 47 Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира. 48 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца? 49- 14:49 Лака 19:47; 21:37. Делан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».
ДӀаведда жима къонах
50 Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира. 51 Шен дерзинчу дегӀа тӀе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Ӏийсана тӀаьхьа хӀоьттира. Амма тӀемалоша и дӀалецира. 52 ТӀаккха тӀемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дӀаведира царах.
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀоттор
(Маттай 26:57-68; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
53 Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера. 54 Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара. 55 Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56 ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.
57 Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58- 14:58 Яхьъя 2:19. «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла».
59 Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара. 60 ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» – аьлла.
61 Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна.
Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»
62- 14:62 Даниал 7:13. Ӏийсас элира: «Со ву.
Шуна гур а ву Адамийн КӀант
Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а,
стигалан мархашца охьавуссуш а».
63 ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна? 64- 14:64 Ӏамалъяр 24:16. Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?»
Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира. 65 ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!»
ГӀаролхоша а еттара Цунна.
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:69-75; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)
66 Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67 Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».
68 Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух».
Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира. 69 Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хӀиттина болчаьрга.
70 Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».
71 Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».
72 ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со».
Кипа доггах вилхира.
15Ӏийса Пулат волчу валаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Лака 23:1-5; Яхьъя 18:28-38)
1 Сатосучу хенахь, Ӏуьйре тӀеярца, динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Ӏийса дӀа а вихкина, Пулате дӀавелира. 2 Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла.
Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза».
3 Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса. 4 Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо».
5 Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.
Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-26; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
6 ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана. 7 ХӀетахь цхьа хьенех вара, Барраб цӀе а йолуш. Шен накъосташца Ӏедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера. 8 ТӀаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хӀинццалц санна тутмакхех цхьаъ дӀахецар дийхира Пулате. 9 Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дӀавала лаьий шуна?» – аьлла.
10 ХӀунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Ӏийса шайн Цуьнга хьагӀ йолу дела дӀавеллий. 11 Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахӀоттийнера, царна Барраб дӀахецар гӀоле хетийтархьама. 12 Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хӀун дан лаьа шуна ас?»
13 Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – аьлла.
14 Пулата хаьттира цаьрга: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»
Амма наха кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
15 ТӀаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дӀахецийтира. Ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, тӀемалойн кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Маттай 27:27-31; Яхьъя 19:2, 3)
16 ТӀемалоша, Ӏийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гӀишло чу а вигна, тӀемалойн ерриге а тоба гулйира. 17 ТӀаккха Цунна тӀе цӀен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. 18 Цул тӀаьхьа, Ӏийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»
19 ТӀаккха Цуьнан коьртах Ӏаса а етташ, Цунна тӀе туйнаш деттара цара. Цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, корта беттаран сурт хӀоттадора Цунна хьалха. 20 Шаьш Ӏийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Шен хӀуманаш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха жӀарах дӀатоха дӀавигира Ӏийса.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
21- 15:21 Римхошка 16:13. ТӀаккха шен кха тӀера вогӀу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамӀа а сацийна, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 22 Ӏийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 23 Ярийн муттанца эдина чагӀар дала гӀоьртира уьш Цунна, амма Ӏийсас иза ца мелира. 24- 15:24 Забур 21:19. Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира. ТӀемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хӀуманаш вовшашлахь йийкъира. 25 УьссалгӀа сахьт дара Ӏийса жӀарах дӀатухучу хенахь.
26 Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тӀехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла.
27- 15:28 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:12. Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор+ 15:27 *Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 28 тӀетоьхна ду: *Кхочуш хилира Делан Йозанаш тӀехь яздина: «ТӀаккха зуламхо санна юкъатухур ву Иза», – бохург.*.
29- 15:29 а: Забур 21:8; 108:25; б: Марк 14:58; Яхьъя 2:19. Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХӀай! Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь дӀахӀоттош верг! 30 Хьуо кӀелхьара а воккхуш, охьавосса бӀогӀам тӀера».
31 Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало! 32 Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хӀинца жӀара тӀера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама».
Цуьнца дӀатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.
Ӏийса кхалхар
(Маттай 27:45-56; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)
33 Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза. 34- 15:34 Забур 21:2. Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахь?»
35 Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И».
36- 15:36 Забур 68:22. Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама.
«Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара жӀаран тӀера дӀаваккха», – элира цо.
37 Ткъа цу хенахь, чӀогӀа мохь а тоьхна, Ӏийса кхелхира. 38- 15:38 Арадаккхар 26:31-33. ХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. 39 Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара».
40- 15:40, 41 Лака 8:2, 3. Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. 41 Ӏийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.
Ӏийса дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)
42 Иза пӀераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тӀейогӀуш суьйре йолу дела, Пулатана тӀе ваха бӀо а боьлла, Ӏийсан дакъа схьадийхира. 44 Ӏийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тӀеман хьаькам тӀе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла. 45 ТӀеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дӀадалийтира. 46 Юсупа, кӀади а эцна, дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТӀаккха къуббанан неӀарна дуьхьал боккха тӀулг карчийра цо. 47 Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дӀа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.
16Ӏийса веллачуьра денвалар
(Маттай 28:1-8; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)
1 Далла лерина шоьтан де дӀадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогӀу хьакхарш ийцира, уьш Ӏийсан докъана хьакхархьама. 2 Ӏуьйранна, сатосучу хенахь, кӀирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. 3 Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неӀарера тӀулг хьан дӀабоккхур бу те вайна?» – бохуш.
4 Ткъа дӀахьаьжча, тӀулг дӀакарчийна гира зударшна. И тӀулг чӀогӀа боккха бара. 5 Уьш къубба чу бевлча, аьтту агӀор хиъна, кӀайн духар а долуш, кӀант гира царна. Уьш чӀогӀа Ӏадийнера. 6 Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖӀарах дӀатоьхна хилла Назартера Ӏийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХӀара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. 7- 16:7 Маттай 26:32; Марк 14:28. Амма аш, гӀой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Ӏийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гӀур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“».
8 Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дӀабевдира. Уьш чӀогӀа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хӀумма а ца дийцира.
Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар
(Маттай 28:9, 10; Яхьъя 20:11-18)
9+ 16:9-20 *Уггар ширачу тептарш тӀехь 9-20 яздина дац.* КӀирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Ӏийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхӀ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хӀоьттира. 10 Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хӀинца Цунна боьлхуш Ӏаш болчаьрга дӀадийцира. 11 Амма Ӏийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хӀетте а уьш ца тийшира.
Ӏийса шина мурдана хьалха дӀахӀоттар
(Лака 24:13-35)
12 Цул тӀаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. 13 Цара а, юхабирзича, дӀахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш.
Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
(Маттай 28:16-20; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
14 ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. 15- 16:15 Векалийн 1:8. Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дӀа а гӀой, массо а адамашна дӀакхайкхабе хаза кхаъ. 16 Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кӀелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. 17 Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цӀарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. 18 Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дӀовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тӀе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу».
19- 16:19 Векалийн 1:9-11. Иштта цаьрца къамел динчул тӀаьхьа Ӏийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиира. 20 Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гӀо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чӀагӀдора Цо.