Мика-ЯхӀу-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Мика-ЯхӀу-пайхамар цӀера къилберачу пачхьалкхехь болчу ЯхӀуд-мехкан юьртара вара. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран заманахь вехаш вара иза. Ӏамос-пайхамаро къилбаседерчу пачхьалкхана бохам хиларан хаамаш беш ма-хиллара, иза тешара, оццу тайпана бохам ЯхӀуд-махкана хирг хиларх а, нах харцахьа хиларна, Дала таӀзар дийр дуйла а. Делахь а Ӏамос-пайхамаро беанчу хаамел Мика-ЯхӀус Делера беш болчу хаамашна тӀехь хиндолчух сатийсаман билгалонаш сов гуш ю.
Тептаран къаьсттина хьахо хьакъ долу дакъош иштта ду: Делан куьйгаллехь дерриг а дуьнен тӀехь машар хилар (4:1-4); Даудан цӀийнахь схьавогӀуш волу а, къомана машар бахьаш волу а сийлахь паччахьах лаьцна хиндерг алар (5:2-5а); иштта, цхьана аята тӀехь (6:8), исраилхойн пайхамарша дукхахьолахь дуьйцуш долчун жамӀ: «Везачу Эло хьоьга хоттун дерг... ду – нийсонца лелар, дика гӀуллакхаш дезар, Далла хьалха, Цунна муьтӀахь а волуш, лелар».
1Везачу Эло Мика-ЯхӀуга хаам бар
1- 1:1 а: ТӀаьххьарнаш 15:32-38; 2 Шерашкахь 27:1-7; б: ТӀаьххьарнаш 16:1-20; 2 Шерашкахь 28:1-27; в: ТӀаьххьарнаш 18:1–20:21; 2 Шерашкахь 29:1–32:33. ЯхӀуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг.
Шамран а, Ярушалайм а гӀаланех болу тийжам
2 ЛадогӀа массо а халкъаша,
тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а!
Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла,
Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла!
3 ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла.
Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо –
4 Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду,
цӀергахь лела балоз санна,
уьш тогӀеш чу текхар ду,
гуна тӀера охьадогӀу хи санна.
5 Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза? 6 Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. 7 Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду».
8 Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву, 9 хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».
МостагӀа Ярушалаймана тӀевогӀу
10 Иза Гати-гӀалахь+ 1:10 *Гати... Байт-Ӏапру *– кхузахь ирони ю. Оцу аяташкахь пайхамаро дуьйцу цхьайолчу гӀаланех а, яртех а лаьцна. Церан шатайпа цӀераш яра, ткъа и цӀераш шайн-шайн маьӀнаш долуш ю.* дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру – «чан» бохург ду). 11 Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац. 12 Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду). 13 Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш – цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш. 14 Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат – цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду).
15 Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш – цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу. 16 Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.
2ГӀело ечарна хинболу бекхам
1 Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Ӏохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Ӏуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. 2 Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху.
3 Цундела Везачу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хӀокху тайпана, цуьнга шен кочара цкъа а дӀабаккхалур боцу, бохам бан дагалаьцна. Кхин цкъа а шайн корта хьалаайина лелалур бац уьш, хӀунда аьлча хӀара зама луьра ю. 4 Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду:
„Тхо кхоччуш дохийна!
Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла.
Иза соьгара схьадаьккхина ма ду!
Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“».
5 Иштта Везачу Элана хьалха болчу гуламехь, латта доькъучу хенахь, цунах дакъа схьаэца хьан цхьа а хир вац.
6 Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хӀай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац». 7 Ва Якъубан цӀа олург! Везачу Элан собар кхача-м ца дина те? Иштта гӀуллакхаш билггал дийр ду те Цо? Нийсо лелочарна дика там ца хуьлу те Цуьнан дешнех?
8 «Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагӀа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тӀамера юхабоьрзучу, машаре шайна тӀехбовлучу нехан тӀехулара а, чухулара а бедарш схьайоху. 9 Сан халкъан зударий церан исбаьхьачу цӀенош чуьра арабоху аша. Церан берашкара гуттаренна схьадоху аша Сан декъалдарш. 10 ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк – синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза.
11 Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагӀарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хӀокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву.
12 Ас Якъубан цӀа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагӀий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гӀовгӀа йоккхур ю».
13 Царна хьалххула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.
3Исраилан халкъан баьччанаш Ӏорабахар
1 ТӀаккха ас элира: «ЛадогӀа, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? 2 Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш тӀера дилха доккху. 3 Сан халкъан дилха аша доу, царна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо». 4 ТӀаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дӀаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
5 Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хӀума ца юьллучарна цара тӀом дӀахьебо. 6 Цундела хӀуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Ӏаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. 7 Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цара массара а шайн батош дӀакъовлур ю, хӀунда аьлча царна Делера жоп хир дац».
8 Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чӀагӀонах а вуьззина ву Якъубан тӀаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дӀадийцархьама. 9 ЛадогӀа соьга, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш, 10 Цийон-лам тӀера Ярушалайм цӀийца а, харцдолчуьнца а хьалахӀоттош дерш! 11 Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тӀетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тӀе бала богӀур ма бац!» – бохуш.
12- 3:12 Ярми-ЯхӀу 26:18. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.
4Везачу Элан дуьнен тӀехь долу машаран паччахьалла
(ЕшаӀ-ЯхӀу 2:2-4)
1 ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду:
Везачу Элан цӀийнан лам
массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу.
Иза массо а баьрзнел лакхабер бу,
ткъа цунна тӀе халкъаш оьхур ду.
2 Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду:
«Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а,
Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду.
Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду.
ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду».
ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу,
ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
3- 4:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 2:4; Юал 3:10. Цо дукха халкъашна юкъахь маслаӀат дийр ду,
генарчу мехкашкахь дукхачу къаьмнашна юкъара къовсамаш совцор бу.
ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу,
ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду.
Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац.
Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
4- 4:4 Закри-ЯхӀу 3:10. Амма хӀорра а шен-шен кемсийн таьллангана кӀел а,
шен-шен инжиран дитта кӀел а хиъна Ӏийр ву.
Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац,
хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.
5 Массо а халкъаш шайн деланийн дуьхьа лелаш ду. Ткъа вай вешан Дела волчу Везачу Элан дуьхьа лелар ду абаденналц.
Исраилан халкъ йийсарера юхадерзар
6 «Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас астагӀнаш схьагулбийр бу, генна дӀасалаьхкинарш а, Айса бохам тӀебаийтинарш а цхьаьнатухур бу. 7 Ас астагӀчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дӀасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тӀехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.
8 Ткъа хьо, жен бӀов, Цийон-ломан йоӀан чӀагӀо! Хьан хьалхалера олалла, хьуна юха а деана, хьоьга юхадоьрзур ду. Паччахьалла Ярушалайман йоӀе доьрзур ду». 9 Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чӀогӀа дӀалаццал? 10 Цийонан йоӀ, холчу хӀотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хӀунда аьлча хьо хӀинца, гӀалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТӀаккха хьо Бавел-гӀала кхочур ю. Хьо цигахь кӀелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагӀийн мехах карара паргӀатйоккхур ю. 11 Ткъа хӀинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БӀаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!» 12 Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цӀевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета.
13 Везачу Эло боху: «Цийонан йоӀ, хьалагӀатта, ялта ара! ХӀунда аьлча Ас, аьчка маӀаш а, цӀестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хӀаллакдийр ду. Ахь цара нахера дӀадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дӀалур ду».
51 Ярушалайман халкъ, мостагӀашна дуьхьалдаккха хӀинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тӀе Ӏаса еттар ю.
Дала леррина Къобалвинчуьнга сатийсар
2- 5:2 Маттай 2:6; Яхьъя 7:42. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
3 Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна. 4 ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву. 5 Цуьнца машар хир бу.
ПаргӀатдовлар а, таӀзар дар а
Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гӀепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу+ 5:5 *Вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу *– ма-дарра аьлча, тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: *вай цунна ворхӀ Ӏу а, бархӀ тхьамда а дуьхьалвоккхур ву. *Цу терахьаша Ӏебархойн маттахь гойту хӀума дийнна а, нуьцкъала а хилар.*. 6- 5:6 Доладалар 10:8-11. Цара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча.
7 Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац. 8 Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагӀийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кӀелхьарваккхалур вац. 9 Хьан куьг мостагӀашна тӀе айалур ду, уьш берриш а ахь хӀаллакбийр бу.
10 «Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю. 11 Ас хьан лаьтта тӀера гӀаланаш а хӀаллакйийр ю, хьан массо а чӀагӀонаш а йохор ю. 12 Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хӀаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин. 13 Ас хьан цӀуш бохор а бу, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьуна юкъара хӀаллакдийр а ду, кхин Ӏамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хӀуманашна. 14 Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю. 15 Ас муьтӀахь доцучу халкъашна Сайн оьгӀазаллехь а, эргӀадаллехь а бекхам бийр бу».
6Везачу Эло Исраилан халкъе бехк баккхар
1 ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга:
«ХьалагӀатта, лаьмнашна хьалха довзийта хьайн гӀуллакх, баьрзнашна дӀахозийла хьан аз!»
2 ЛадогӀа, лаьмнаш, Везачу Элан гӀуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогӀа! ХӀунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.
3 «Сан халкъ! ХӀун вон динера Ас хьуна? ХӀун гӀело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга. 4- 6:4 а: Арадаккхар 12:50, 51; б: Арадаккхар 4:10-16; в: Арадаккхар 15:20. Ас, Мисар-махкара ара а даьккхина, лоллин цӀийнера мехах паргӀатдаьккхира хьо. Ас хьуна хьалхабевлла бахийтира Муса а, АхӀарон а, Марем а. 5- 6:5 а: Лелар 22:2–24:25; б: Якъуба 3:1–4:19. Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хӀун жоп делира БеӀаран кӀант волчу БалиӀама? ХӀун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гӀуллакхаш хьуна довзийтархьама?»
Везачу Элана жоп далар йиш цахилар а, Везачу Элан хьехар а
6 «Стенца дӀахӀотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Ӏамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагӀанца дӀахӀотта те со Цунна хьалха? 7 Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Ӏенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тӀера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тӀера?» 8 Ва адам! ДӀахаийтина-кх хьоьга диканиг хӀун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хӀун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кӀезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
9 Везачу Элан аз ду гӀалане кхойкхуш, (ткъа Хьуна хьалха ларамах буьзна хилар хьекъалалла ду): «Ва къам а, гӀалахь гулбинарш а, ладогӀа!+ 6:9 *Ва къам а, гӀалахь гулбинарш а, ладогӀа! *– я иштта: *ЛадогӀа гӀоже а, иза ДӀахӀоттийначуьнга а.*10 ХӀинца а ю те Ӏесачийн цӀенош чохь харцахьаяьхна хазнаш а, сел дегаза долу харц сахь а? 11 Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тӀоьрмаг а магийтича? 12 ГӀалин хьолахой къизаллах буьзна бу. Цуьнан бахархоша аьшпаш буьтту, харцметтанаш ду церан багахь. 13 Ас-айса хьо, тоха а тухуш, лазор ю. Хьан къинош бахьана долуш, Аса хьо яссор ю. 14 Ахьа яа хӀума юур ю, амма хьо юзур яц. Хьан кийра бассабелла хир бу. Хьайн долуш дерг лардийр ду ахь, амма хӀумма а ларлур дац хьоьга, ткъа лардинарг а Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. 15 Ахь ялта дӀадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагӀар мер дац. 16- 6:16 а: Сулим 16:23-28; б: Сулим 16:29-34; 21:25, 26. Ӏумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цӀийнан массо а гӀуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».
7Исраилан халкъан эхь-бехк дар
1 Декъаза ю со! ХӀунда аьлча хӀинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц. 2 Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцӀенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кӀело йина, цӀий Ӏанорхьама. ХӀорра а шен вешина речӀа югӀуш ву. 3 Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгӀаташ далар тӀедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Ӏедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. 4 Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кӀохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таӀзар ден долу де тӀекхочуш лаьтта. ХӀинца уьш боьхна хьийзар бу. 5 Вовшех а ма теша, доттагӀчух тешна а ма Ӏе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Ӏуьллучух. 6- 7:6 Маттай 10:35, 36; Лака 12:53. ХӀунда аьлча кӀанта да сийсазвоккху, йоӀ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цӀеранаш цуьнан мостагӀий хуьлу.
7 Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кӀелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дӀахезар ву.
Везачу Эло кӀелхьардовлар дахьа
8 Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю. 9 Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгӀазло дӀакхоьхьур ю, сан гӀуллакх цхьалха а даьккхина, суна тӀехь Цо кхел яллалц. ТӀаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю. 10 Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. 11 Хьан пенаш дӀахӀиттон де тӀекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза.
12 Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гӀаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тӀе, хӀордана тӀера хӀорда тӀе, ломана тӀера лам тӀе дӀакхаччалц богӀур бу хьуна тӀе. 13 Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гӀуллакхийн тӀаьхьенаш бахьана долуш а.
Везачу Эло Исраилан халкъах бина къинхетам
14 Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тӀаьхьенан уьстагӀий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалӀадехь а!
15 Мисар-мехкан лаьттара хьо арадоккхучу деношкахь санна, иштта инзаре гӀуллакхаш гойтур ду Везачу Эло цунна.
16 Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дӀакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду. 17 Цара ченаш тӀе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чӀагӀонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нӀаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тӀе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу. 18 Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
19 Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош. 20 Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.