Ӏийсас беана,
Маттайс
дӀаязбина болу хаза кхаъ
Дешхьалхе
Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ – Ӏийса Дала Ша лур ву аьлла волу КӀелхьардохург хиларх лаьцна кхаъ бу. Цу КӀелхьардохучуьнгахула хьалха бинчу бартаца Ӏаш болчу Шен нахана дина ваӀданаш кхочуш дира Дала. Шена юкъахь Ӏийса винчу а, ваьхначу а жуьгтийн къомана хилла ца Ӏаш, дерриг а дуьненна а бу и хаза кхаъ.
Маттайс яздина тептар леррина кечдина ду. Тептаран хьалхарчу дакъош тӀехь Ӏийса дуьнен чу валарх а, Иза хих чекхваккхарх а, зерах а лаьцна дуьйцу (1:1–4:11). КхидӀа тептаро дуьйцу Ӏийсас Галилай-махкахь нах тобарх а, нахана хьехамаш барх а лаьцна (4:12–18:35). Цул тӀаьхьа тептар тӀехь Ӏийсас Галилай-махкара Ярушалайм-гӀала бинчу некъах а, Ӏийсан тӀаьхьарчу кӀиранчохь хилла долчу гӀуллакхех а, Иза жӀарах дӀатохарх а, веллачуьра денваларх а лаьцна ду (19:1–28:20).
ХӀокху тептаро гойту, Ӏийса – Дала беллачу хьехамийн маьӀна дан Ша бакъо йолуш волу а, Делан Олаллех лаьцна хьехамаш беш волу а воккха Устаз хилар. Дукхахболу Цуьнан хьехамаш пхеа декъе вовшахтоха мегар ду:
(1) Ламанан басе тӀера бина хьехамаш. Цу декъан коьрта маьӀна – Стигалийн Олаллин бахархойн амал а, бехкаш а, бакъонаш а, хиндерг а ду (5–7 кортош);
(2) Шийтта мурд дӀахьажош дина долу весет (10-гӀа корта);
(3) Стигалийн Олаллех лаьцна долу хьекъале дустарш (13-гӀа корта);
(4) Ӏийсан мурд хиларх лаьцна болу хьехамаш (18-гӀа корта);
(5) Кху заманан чаккхенах а, хиндолчу Делан Олаллех а лаьцна хьехамаш (24–25 кортош).
1Ӏийса схьавалар
(Лака 3:23-38)
1 ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.
2 ИбрахӀим Исхьакхан да хилла,
Исхьакх – Якъубан да,
Якъуб – ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,
3 ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла.
Парас Хьацранин да хилла,
Хьацрани – Раман да.
4 Рам Ӏамминадабан да хилла,
Ӏамминадаб – Нахьшонан да,
Нахьшон – Салманан да,
5 Салман – БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла.
БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла.
Ӏабади Юшайн да хилла,
6 Юшай – Даудан да хилла.
Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.
7 Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла,
РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да,
Аби-ЯхӀу – Асин да,
8 Аса – ЯхӀушаптин да,
ЯхӀушапти – Йораман да,
Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,
9 Ӏузи-ЯхӀу – Йовтаман да,
Йовтам – Ахьазан да,
Ахьаз – Хьузакх-ЯхӀун да,
10 Хьузакх-ЯхӀу – Маннашан да,
Маннаш – Аминан да,
Амин – Юши-ЯхӀун да,
11- 1:11 2 Шерашкахь 36:10; Ярми-ЯхӀу 27:20. Юши-ЯхӀу – Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.
12 Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла,
Шалтаал Зурбабелан да хилла,
13 Зурбабел – Авадин да хилла,
Авади – Элъякъиман да,
Элъякъим – Узаран да,
14 Узар – ЦӀадукъин да,
ЦӀадукъа – Ахьмин да,
Ахьма – Аладин да,
15 Алади – ЭлиӀазаран да,
ЭлиӀазар – МатӀанин да,
МатӀани – Якъубан да,
16 Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да.
Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.
17 ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.
Ӏийса дуьнен чу валар
18- 1:18 Лака 1:27. Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. 19 Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла. 20 Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира:
« Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. 21- 1:21 Лака 1:31. Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса+ 1:21 *Ӏийса *– иза «Везачу Эло кӀелхьарвоккху» бохург ду.* тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».
22 И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:
23- 1:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 7:14 (Грекийн). «ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву,
Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.
Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду».
24 Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра. 25- 1:25 Лака 2:21. Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.
2Ӏийса волчу хьекъалчаш богӀу
1 Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш. 2 Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта+ 2:2 *Къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа *– я иштта: *малхбалехьа йолчу агӀонгахь болу Цуьнан седа.* болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо». 3 Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира. 4 ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.
5 Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:
6- 2:6 Мика-ЯхӀу 5:2. „Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала,
ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц.
Хьан махкара вер ву,
Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»
7 ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа. 8 Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».
9 Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа+ 2:9 *Я иштта: *Царна малхбалехьа йолчу агӀонгахь гина болу седа.*, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дӀабоьдуш бара. ТӀаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тӀехула. 10 Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира. 11 Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а. 12 ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.
Мисар-махка дӀабовдар
13 Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».
14 Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара. 15- 2:15 ХӀушаӀ 11:1. ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».
Бераш дайар
16 Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула. 17 Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:
18- 2:18 Ярми-ЯхӀу 31:15. «Аз хеза Рами чохь,
инзаре мохь, тийжар хеза.
Рахьал йоьлху шен берашна,
амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа,
хӀунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».
Мисар-махкара юхаверзар
19 ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира. 20 «Хьала а гӀаттий, – элира цо, – бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».
21 Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп. 22 Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара. 23- 2:23 Марк 1:24; Лака 2:39; Яхьъя 1:45. Уьш Назарт-гӀалахь бха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».
3Яхьъяс кхайкхам бо
(Марк 1:1-8; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)
1 Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.
2- 3:2 Маттай 4:17; Марк 1:15. «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохура Цо.
3- 3:3 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»
4- 3:4 Сулим 1:8. Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара. 5 Дукха адам догӀура цунна тӀе: Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. 6 Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.
7- 3:7 Маттай 12:34; 23:33. Шена тӀеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира:
«Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8 Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. 9- 3:9 Яхьъя 8:33. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 10- 3:10 Маттай 7:19. Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: шена тӀе пайден болу стом латош доцу хӀора дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу. 11 Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду. 12 Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кӀа цӀандийр ду. КӀа цӀа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дӀайовр йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
Ӏийса хих чекхваккхар
(Марк 1:9-11; Лака 3:21, 22)
13 Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14 Иза сацо гӀоьртира Яхьъя:
«Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?»
15 Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза».
Яхьъя Цо бохучунна резахилира.
16 Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара. 17- 3:17 Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 12:18; 17:5; Марк 1:11; Лака 9:35. Стигалара схьахезаш долчу озо элира:
«Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»
4Ӏийса зер
1- 4:1 Ӏебархошка 2:18; 4:15. Цул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта. 2 Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира. 3 Иблисо, Цунна тӀе а дахана, элира: «Хьо Делан КӀант велахь, хьуьлла Ӏохкуш долчу тӀулгашна тӀедожаде, бепиг хила алий».
4- 4:4 Карлабаьккхинарг 8:3. Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».
5 ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. 6- 4:6 Забур 90:11, 12. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
7- 4:7 Карлабаьккхинарг 6:16. Ӏийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».
8 ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а. 9 «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»
10- 4:10 Карлабаьккхинарг 6:13. Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
11 Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.
Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало
(Марк 1:14, 15; Лака 4:14, 15)
12- 4:12 Маттай 14:3; Марк 6:17; Лака 3:19, 20. Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира. 13- 4:13 Яхьъя 2:12. Назарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла. 14 Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:
15- 4:15, 16 ЕшаӀ-ЯхӀу 9:1, 2. «Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а,
Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
16 Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»
17- 4:17 Маттай 3:2. Цу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.
Ӏийсас веа стаге, Шен мурдаш хила олий, кхойкху
(Марк 1:16-20; Лака 5:1-11)
18 Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.
19 «Суна тӀаьхьахӀитта, – элира цаьрга Ӏийсас, – ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
20 Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
21 Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра. 22 Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
Ӏийсас дукха нахана хьехам бар а, дарбанаш дар а
(Лака 6:17-19)
23- 4:23 Маттай 9:35; Марк 1:39. Ӏийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 24 Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу блабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. 25 Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.
5Ламанан басе тӀера кхайкхам бар
1 Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш. 2 ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:
Декъалбинарш
(Лака 6:20-23)
3 «Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.
4- 5:4 ЕшаӀ-ЯхӀу 61:2. Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.
5- 5:5 Забур 36:11. Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.
6- 5:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:1, 2. Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.
7 Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.
8- 5:8 Забур 23:3, 4. Декъалбина бу цӀена дог дерш – царна Дела гур ву.
9 Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гӀуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цӀе туьллур ю.
10- 5:10 1 Кипин 3:14. Декъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».
Сийсаздарна дуьхьало яр
(Марк 9:50; Лака 14:34, 35)
11- 5:11 1 Кипин 4:14. «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. 12- 5:12 2 Шерашкахь 36:16; Векалийн 7:52. Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
13- 5:13 Марк 9:50; Лака 14:34, 35. «Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.
14- 5:14 Яхьъя 8:12; 9:5. Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц. 15- 5:15 Марк 4:21; Лака 8:16; 11:33. Иштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо – иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. 16- 5:16 1 Кипин 2:12. Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».
Товрат-хьехамах лаьцна
17 «Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. 18- 5:18 Лака 16:17. Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц. 19 Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. 20 Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».
ОьгӀазлонах лаьцна
21- 5:21 Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17. «Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. 22 Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву. 23 Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь, 24 и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.
25 Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. 26 Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».
Майра зудчунна тешаме хиларх лаьцна
27- 5:27 Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18. «Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар? 28 Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина. 29- 5:29 Маттай 18:9; Марк 9:47. Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул. 30- 5:30 Маттай 18:8; Марк 9:43. Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».
ДӀасакъастарх лаьцна
31- 5:31 Карлабаьккхинарг 24:1-4; Маттай 19:7; Марк 10:4. «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. 32- 5:32 Маттай 19:9; Марк 10:11, 12; Лака 16:18; 1 Коринтхошка 7:10, 11. Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».
Дуй баарх лаьцна
33- 5:33 Ӏамалъяр 19:12; Лелар 30:3; Карлабаьккхинарг 23:21. «Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. 34- 5:34 Якъуба 5:12; ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Маттай 23:22. Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35- 5:35 ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Забур 47:3. Лаьттах а ма е чӀагӀо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю. 36 Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37 Шаьш, „хӀаъ“ аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“ хилийта. „ХӀан-хӀа“ шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна».
Бекхам барх лаьцна
38- 5:38 Арадаккхар 21:24; Ӏамалъяр 24:20; Карлабаьккхинарг 19:21. «Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39 Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае. 40 Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало. 41 Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо. 42 Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».
МостагӀчуьнга болчу безамах лаьцна
43 «Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“. 44 Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45 шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46 Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47 Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48- 5:48 Ӏамалъяр 19:2; Карлабаьккхинарг 18:13. Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».
6СагӀанах лаьцна
1- 6:1 Маттай 23:5. «Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. 2 Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна. 3 Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, 4 айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».
ДоӀанах лаьцна
(Лака 11:2-4)
5- 6:5 Лака 18:10-14. «Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна. 6 Ткъа ахьа хьайн доӀа дечу хенахь, хьайн цӀа чу а валий, чӀоггӀа неӀ тӀе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доӀа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггӀу мах хадор бу хьан. 7 Ткъа айхьа доӀа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дӀахезар ду Далла. 8 Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу. 9 Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта:
Тхан стигалара Да!
Хьан цӀе сийлахь хуьлда!
10 Хьан Олалла тӀекхочийла.
Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла.
11 Тахана даъал напха лохьа тхуна!
12 Дехьа тхуна геч,
тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.
13 Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо,
иблисах а лардахьара+ 6:13 *Цхьадолчу керла дӀаяздинчу тептаршкахь тӀетоьхна ду: *ХӀунда аьлча массо ханна а Хьан ю Пачхьалкх а, нуьцкъалалла а, сийлалла а. Амин.*.
14- 6:14, 15 Марк 11:25, 26. Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. 15 Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтӀера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтӀера».
Марха кхабарх лаьцна
16 «Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна. 17 Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, 18 нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».
Шун стигалахь хир долу хьал
(Лака 12:33-36)
19- 6:19 Якъуба 5:2, 3. «Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду. 20 Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац. 21 Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду.
22 Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду. 23 Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!
24 Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
Хьайн хьашташна са ма гатде
(Лака 16:13; 12:22-31)
25 «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду. 26 Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? 27 Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша?
28 Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. 29- 6:29 Сулим 10:4-7; 2 Шерашкахь 9:3-6. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 30 Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш.
31 Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. 32 Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 33 Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. 34 Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».
7Емалдар
(Лака 6:37, 38, 41, 42)
1 «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. 2- 7:2 Марк 4:24. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. 3 Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? 4 Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь? 5 Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.
6 Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».
Диэха, лаха, неӀ етта
7 «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, 8 хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.
9 Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг? 10 Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг? 11 Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! 12- 7:12 Лака 6:31. Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».
Дахарехь готта некъ лаха
(Лака 13:24)
13 «Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула. 14 Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо.
15 УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. 16 Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш? 17 Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу. 18 Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу. 19- 7:19 Маттай 3:10; Лака 3:9. ХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо. 20- 7:20 Маттай 12:33. Иштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту.
21 ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза. 22 Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ 23- 7:23 Забур 6:9. Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“»
МуьтӀахь хиларе кхайкхар
(Лака 6:47-49)
24 «Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву. 25 ДогӀа а тӀедоьттина, хиш а дистина деана, чӀогӀа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цӀенна хӀумма а ца хилла, хӀунда аьлча цу цӀийнан бух буточу тархана тӀехь боьттина бу. 26 ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву. 27 ДогӀа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цӀа тӀе а кхетта, доьхна дӀадаьлла, схьаэца хӀума а доцуш».
28- 7:28, 29 Марк 1:22; Лака 4:32. Ӏийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера, 29 хӀунда аьлча церан Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.
8Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг туовар
(Марк 1:40-45; Лака 5:12-16)
1 Ӏийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. 2 Цунна тӀе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Ӏийсана хьалха гора а хӀоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
3 Куьг дӀа а кховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.
4- 8:4 Ӏамалъяр 14:1-32. «ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
Римхойн тӀемалойн хьаькаман ялхо туовар
(Лака 7:1-10)
5 Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага: 6 «Эла! ЦӀахь, энаша дӀа а лаьцна, чӀогӀа могуш воцуш Ӏуьллуш ялхо ву-кх сан».
7 Ткъа Ӏийсас элира: «ДӀа а веана, Аса товийр ву иза».
8 ТӀемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара. 9 Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
10 Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна. 11- 8:11 Лака 13:29. Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахӀимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дӀалоцур ю. 12- 8:12 Маттай 22:13; 25:30; Лака 13:28. Ткъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». 13 Ӏийсас тӀеман хьаькаме элира: «Вало, дӀагӀо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла».
Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира.
Дукха адамашна дарба дар
(Марк 1:29-34; Лака 4:38-41)
14 Кипа волчу Ӏийса веача, Цунна гира, хӀусамден стуннана, чӀогӀа дгар а долуш, цомгуш Ӏуьллуш. 15 Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Дгар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
16 Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира. 17- 8:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:4. Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг:
«Вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна,
Цо вайн цамгарш дӀаяьхьира».
Ӏийсана тӀаьхьахӀотта ца лиънарш
(Лака 9:57-62)
18 Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Ӏоман дехьарчу берда тӀе довла элира Ӏийсас. 19 Цхьа Ӏелам стаг, Кхунна тӀе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
20 Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».
21 Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
22 Амма Ӏийсас цуьнга элира: «ТӀаьхьахӀотта Суна, белларш беллачарна бита».
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Марк 4:35-41; Лака 8:22-25)
23 Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тӀаьххье чухевшира. 24 ХӀорд чӀогӀа ловзабелира, яккхийчу тулгӀенаша хӀордкема дӀасакхуьйсура. Амма Ӏийса вижначуьра меттах ца волура. 25 ТӀаккха, тӀе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КӀелхьардахахьа вай! Ӏожалла улло кхаьчна-кх вайна!»
26 Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.
27 Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Ӏийсас Гадар-меттехь жинаша хьийзош волу ши стаг туовар
(Марк 5:1-20; Лака 8:26-39)
28 Ӏийса гадархой болчу кхаьчча, нах дӀабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чӀогӀа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара. 29 Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш.
30 Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 31 Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш.
32 Цо элира: «ДӀагӀо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дӀахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тӀера Ӏам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.
33 Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира. 34 Цу гӀалахь мел долу адам Ӏийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тӀаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дӀагӀо аьлла.
9Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг туовар
(Марк 2:1-12; Лака 5:17-26)
1 Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира. 2 Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
3 Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!»
4 Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь? 5 Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 6 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».
7 Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара. 8 Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна.
Маттайга тӀекхайкхар
(Марк 2:13-17; Лака 5:27-32)
9 Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!»
Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.
10- 9:10, 11 Лака 15:1, 2. Ӏийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий. 11 Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?»
12 Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 13- 9:13 Маттай 12:7; ХӀушаӀ 6:6. Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Марха кхабарх лаьцна
(Марк 2:18-22; Лака 5:33-39)
14 Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»
15 Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу. 16 Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 17 Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду».
Гуламан цӀийнан куьйгалхочун йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда туояр а
(Марк 5:21-43; Лака 8:40-56)
18 Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра». 19 Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара.
20 Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза. 21 Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра».
22 Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.
23 Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. 24 Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. 25 Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира. 26 Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира.
БӀаьрзе ши стаг туовар
27 Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цунна тӀаьхьавогӀуш вара бӀаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан+ 9:27 *Даудан КӀант *– жуьгтийн халкъана хууш дара Дала леррина Къобалвинарг Дауд-паччахьан тӀаьхьенах хир вуйла. Цундела цуьнан наггахь, Даудан КӀант олий, цӀе йоккхура.* КӀант!»
28 Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?»
Цара элира: «Теша, Веза Эла!»
29 Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!» 30 ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна». 31 Амма шаьш дӀабаханчул тӀаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьӀӀе дӀасадаржийра.
Мотт сецна волу стаг туовар
32 Шен мурдашца Иза дӀаваха кечвеллачу хенахь Ӏийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара. 33 Ӏийсас жин дӀалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хӀума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац».
34- 9:34 Маттай 10:25; 12:24; Марк 3:22; Лака 11:15. Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гӀоьнца».
Ӏийсас нахах къинхетам бо
35- 9:35 Маттай 4:23; Марк 1:39; Лака 4:44. Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. 36- 9:36 Лелар 27:17; Шамъал 22:17; 2 Шерашкахь 18:16; Яхьазкхиал 34:5; Марк 6:34. Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара. 37- 9:37, 38 Лака 10:2. Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. 38 Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».
10Шийтта векал харжар
(Марк 3:13-19; Лака 6:12-16)
1 Ӏийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дӀалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. 2 Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг – ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, 3 Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, 4 ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.
Ӏийсас шийтта мурд дӀахьажор
(Марк 6:7-13; Лака 9:1-6)
5 Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш. 6 Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо, 7 кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. 8 Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало. 9 Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца. 10- 10:10 1 Коринтхошка 9:14; 1 Тимапига 5:18. Шаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. 11 Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц. 12 Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта. 13 Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. 14- 10:14 Векалийн 13:51. Шаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош. 15- 10:15 Маттай 11:24; Доладалар 19:24-28. - 10:7-15 Лака 10:4-12. Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».
ТӀедогӀуш долчу эккхийна лелорх лаьцна
(Марк 13:9-13; Лака 21:12-17)
16- 10:16 Лака 10:3. «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш. 17- 10:17-20 Марк 13:9-11; Лака 12:11, 12; 21:12-15. Нахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. 18 Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. 19 Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза. 20 Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. 21- 10:21 Марк 13:12; Лака 21:16. Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 22- 10:22 Маттай 24:9; Марк 13:13; Лака 21:17; Маттай 24:13. Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву. 23 Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».
Хьанах кхера веза
24- 10:24 Лака 6:40; Яхьъя 13:16; 15:20. «Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац. 25- 10:25 Маттай 9:34; 12:24; Марк 3:22; Лака 11:15. Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дӀатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дӀатарлахь. Нагахь санна хӀусаман дена БаӀал-Зебула цӀе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цӀе йоккхур ю.
26- 10:26 Марк 4:22; Лака 8:17. Цундела царах ма кхера, хӀунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 27 Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца. 28 Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах. 29 Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен. 30 Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! 31 Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
32 Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву. 33- 10:33 2 Тимапига 2:12. Амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».
Безам хьаьнга хила беза
(Лака 12:51-53; 14:26, 27)
34 «Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана. 35- 10:35, 36 Мика-ЯхӀу 7:6. Со веана
„кӀант дена дуьхьал ваккха,
йоӀ – нанна дуьхьал,
нус – марнанна дуьхьал яккха.
36 Шен цӀа чохь берш хир бу стагана мостагӀий“.
37 Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. 38- 10:38 Маттай 16:24; Марк 8:34; Лака 9:23. Шен баланийн мохь+ 10:38 *Баланийн мохь *– бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: *жӀаран бӀогӀам.* схьа а эцна, Суна тӀаьхьа ца хӀоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. 39- 10:39 Маттай 16:25; Марк 8:35; Лака 9:24; 17:33; Яхьъя 12:25. Шен са Ӏалашдан гӀоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дӀаделлачунна иза карор ду.
40- 10:40 Лака 10:16; Яхьъя 13:20; Марк 9:37; Лака 9:48. Шу тӀеоьцуш волчо Со а тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. 41 Пайхамар пайхамаран дуьхьа тӀеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тӀеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю. 42 Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».
11Яхьъяс бохкуьйту нах
(Лака 7:18-35)
1 Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира. 2 Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира 3 Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»
4 Ӏийсас цаьрга элира: «Даха а гӀой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца: 5- 11:5 ЕшаӀ-ЯхӀу 35:5, 6; ЕшаӀ-ЯхӀу 61:1. бӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 6 Декъала ву Сох шек воцург».
7 Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 8 ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 9 Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 10- 11:10 Малъаки 3:1. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 11 Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 12- 11:12, 13 Лака 16:16. Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а+ 11:12 *...стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а *– цуьнан кхин маьӀна а хила таро ю: *...стигалийн Олаллина дуьхьал луьра тӀелатарш ду, ткъа ницкъ бийраш Иза эшо гӀерташ бу.*. 13 ХӀунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тӀекхаччалц. 14- 11:14 Малъаки 4:5; Маттай 17:10-13; Марк 9:11-13. Цара бохуш дерг шу тӀеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогӀур ву бохуш волу Эли-ЯхӀу. 15 Лергаш долчунна хӀара дӀахезийла.
16 Хьаьнца юстур ю Аса хӀара тӀаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Ӏаш долчу берех тера ду:
17 „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!
Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“
18 Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш. 19 Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Лака 10:13-15)
20 Ӏийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Ӏаламаташ гайтинчу гӀаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тӀе ца берзарна. 21- 11:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:26; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Закри-ЯхӀу 9:2-4. «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 22 Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул. 23- 11:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:13-15; Доладалар 19:24-28. Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала,
хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?
Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю.
Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра. 24- 11:24 Маттай 10:15; Лака 10:12. Аса боху шуьга: Седамна кхана догӀун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».
Суна тӀе дуьйла, Аса синтем лур бу шуна
(Лака 10:21, 22)
25 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Ӏилманчеххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. 26 ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду. 27- 11:27 Яхьъя 3:35; Яхьъя 1:18; 10:15. Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КӀант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КӀантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. 28 Дуьйла Суна тӀе, кӀадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна. 29- 11:29 Ярми-ЯхӀу 6:16. Сан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. 30 Сан дукъ а дӀакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».
12СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Марк 2:23-28; Лака 6:1-5)
1- 12:1 Карлабаьккхинарг 23:25. СадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла. 2 И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».
3- 12:3, 4 Шамъал 21:1-6. Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша? 4- 12:4 Ӏамалъяр 24:9. Цо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. 5- 12:5 Лелар 28:9, 10. Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а? 6 Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву. 7- 12:7 Маттай 9:13; ХӀушаӀ 6:6. Делан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. 8 Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».
Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг туовар
(Марк 3:1-6; Лака 6:6-11)
9 Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса. 10 Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»
11- 12:11 Лака 14:5. Ӏийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? 12 Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». 13 Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира. 14 Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
Хаьржина волу ялхо
15 Иза хууш волу Ӏийса цигара дӀавахара. Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. Цо цомгуш мел верг товира. 16 ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла. 17 Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:
18- 12:18-21 ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1-4 (Грекийн). «ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу.
Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со.
Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе,
Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!
19 ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац.
Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.
20 Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо,
дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц,
Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.
21 Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Марк 3:20-30; Лака 11:14-23; 12:10)
22 ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира. 23- 12:23 Маттай 9:27. Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: « Даудан КӀант-м вац теша Иза?» 24- 12:24 Маттай 9:34; 10:25. Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца».
25 Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. 26 Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла? 27 Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел. 28 Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. 29 Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола? 30- 12:30 Марк 9:40. Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву.
31 Цундела боху шуьга: хӀора латийначу къина, динчу Ӏесачу къамелана стаг дохковаьллачул тӀаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 32- 12:32 Лака 12:10. Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а. 33- 12:33 Маттай 7:20; Лака 6:44. Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХӀора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу.
34- 12:34 Маттай 3:7; 23:33; Лака 3:7; Маттай 15:18; Лака 6:45. Шу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу. 35 Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. 36 Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. 37 ХӀунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».
Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Марк 8:11, 12; Лака 11:29-32)
38- 12:38 Маттай 16:1; Марк 8:11; Лака 11:16. Цхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»
39- 12:39 Маттай 16:4; Марк 8:12. Амма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 40- 12:40 Юнус 2:1. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. 41- 12:41 Юнус 3:5. Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. 42- 12:42 Сулим 10:1-10; 2 Шерашкахь 9:1-12. Цу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
Харцжин юхадар
(Лака 11:24-26)
43 «Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. 44 ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна. 45 ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».
Ӏийсан нана а, вежарий а
(Марк 3:31-35; Лака 8:19-21)
46 Нахаца Ӏийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. 47 Цхьаммо Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь». 48 Иза аьллачуьнга Ӏийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?» 49 Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХӀорш бу Сан нана а, вежарий а! 50 Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»
13Ахархочух лаьцна хьекъале дустар
(Лака 8:4-8; Марк 4:1-9)
1 Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира. 2- 13:2 Лака 5:1-3. Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира. 3 Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна.
Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. 4 Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 5 Важа буьртигаш, жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара. 6 Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. 8 Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш. 9 Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
Дустаран маьӀна довзийтар
(Лака 8:9, 10; Марк 4:10-12)
10 Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»
11 Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. 12- 13:12 Маттай 25:29; Марк 4:25; Лака 8:18; 19:26. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 13 Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. 14- 13:14, 15 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10 (Грекийн). Царна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу:
„Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац,
хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
15 Цу нехан дегнаш шагделла,
церан лергаш къорделла,
церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу.
Цара иза ца леладахьара,
церан бӀаьргашна са а гур дара,
церан лергашна хезар а дара,
церан дог кӀеда а хир дара,
уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара,
Аса уьш то а бийр бара!“
16- 13:16, 17 Лака 10:23, 24. Ткъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза. 17 Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
Ахархочух лаьцначу дустаран маьӀнах кхетор
(Марк 4:13-20; Лака 8:11-15)
18 «Ткъа хӀинца ладогӀал хӀу дӀадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьӀне. 19 Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна. 20 ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву. 21 Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу. 22 Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. 23 Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».
Асарх лаьцна хьекъале дустар
24 Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Ӏийсас ладугӀуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тӀехь дика хӀу дӀадийнера. 25 Ткъа иза шен ялхошца вижина Ӏуьллучу хенахь кхуьнан мостагӀа веана. Иза, кӀена юккъе асаран буц а йийна, дӀавахана. 26 КӀа, тӀе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. 27 Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хӀу дӀа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кӀена юккъе?“
28 Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагӀчо дина-кх иза“.
Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гӀой, схьаяккхий и буц?“
29 „ХӀан-хӀа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кӀен кенаш схьадохийла. 30 Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».
ХӀух а, морзанах а лаьцна хьекъале дустарш
(Марк 4:30-32; Лака 13:18-21)
31 Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дӀадийначу уггар жимачу хӀух тера ду. 32 Иза кхечу хӀун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тӀе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».
33 Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Ӏийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
34 И шадерг а Ӏийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна. 35- 13:35 Забур 77:2. Цу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира:
«Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду,
дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».
Асарх лаьцна дийцинчун маьӀна
36 Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».
37 Ӏийсас цаьрга элира: «Дика хӀу дӀадийнарг – Иза Адамийн КӀант ву. 38 Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хӀу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу. 39 И асаран буц дӀайийна волу мостагӀа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тӀаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. 40 Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. 41 Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, 42 уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. 43 Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хӀара дӀахезийла».
ДӀайоьллинчу хазнех а, мехалчу жовхӀарех а лаьцна
44 «Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.
45 Стигалийн Олалла мехала жовхӀарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду. 46 Шена къаьсттина мехала долу жовхӀар карийча, цо ша да мел волу хӀума дӀа а духкий, иза шен дола доккху.
47 Кхин а Стигалийн Олалла Ӏам чу чӀерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чӀерий лелха. 48 Бой юьзначул тӀаьхьа, чӀерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тӀаьхьа цара, охьа а ховший, дика чӀерий дӀахоржу, ткъа вуьш дӀакхуьссу. 49 Иштта хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дӀа а къастийна, 50 йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».
51 Ӏийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?»
Цара жоп делира: «Кхета».
52 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Цундела хӀора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Ӏелам стаг цхьана хӀусамдех тера ву, дӀайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цӀена а хӀуманаш дӀалуш волчу».
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Марк 6:1-6; Лака 4:16-30)
53 Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара. 54 Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ? 55 Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц? 56 Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?» 57- 13:57 Яхьъя 4:44. Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.
Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 58 Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.
14Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Марк 6:14-29; Лака 9:7-9)
1 Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХӀародана Ӏийсах лаьцна хезна хилла. 2 Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ».
3- 14:3, 4 Лака 3:19, 20. И де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла. 4- 14:4 Ӏамалъяр 18:16; 20:21. Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла. 5 ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела. 6 ХӀарод вина де тӀекхаьчча, ХӀародадан йоӀ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чӀогӀа тайна волчу ХӀарода 7 чӀагӀо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла. 8 Шен нанас иракарахӀоттийна йолчу йоӀа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна».
9 Ша гӀайгӀане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чӀагӀо бахьана долуш, ХӀарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла. 10 Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина. 11 Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоӀе дӀабелла, ткъа цо иза шен нанна дӀабаьхьна. 12 Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дӀадоьллина, ткъа цул тӀаьхьа, баха а бахана, Ӏийсага и дерриг дӀадийцина цара.
Пхи эзар стаг вузор
(Марк 6:30-44; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)
13 Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара. 14 Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. 15 Суьйре тӀееъча, Цуьнан мурдаш тӀебаьхкира. Цара элира: «ХӀара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дӀабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хӀума эцийта».
16 Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш дӀабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хӀума».
17 Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц».
18 Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». 19 Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 20 Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира. 21 Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.
Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Марк 6:45-52; Яхьъя 6:15-21)
22 Цу сохьта Ӏийсас Шен мурдаш, хинкеманна тӀе а ховшийна, Галилай-Ӏоман дехьарачу йисте Шел хьалха дӀабахийтира, ткъа Ша нах дӀахьовсо тӀаьхьасецира. 23 Нах дӀа а хьовсийна, Ӏийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доӀа дархьама. Суьйре тӀекхаьчча, Иза цигахь Ша вара. 24 Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгӀенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чӀогӀа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела. 25 Ӏуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Ӏийса уьш болчу хи тӀехула дӀаволавелира. 26 Хи тӀехула Иза вогӀуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гӀаларт ду!» – аьлла.
27 «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»
28 Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тӀехула Хьайна тӀе ваийтахьара Ахьа!»
29 «ТӀевола!» – элира Цо.
Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тӀехула Ӏийсана тӀевахара. 30 Шена чӀогӀа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КӀелхьарваккхахьа со!»
31 Ӏийсас, сихха куьг дӀа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кӀезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хӀунда кхоллаялийтира ахьа?» 32 Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дӀасецира. 33 Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таӀийна, Ӏийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КӀант ву!»
34 Хин кеманна тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира. 35 Цигарчу нахана Ӏийса вевзинчул тӀаьхьа, массо а маьӀӀера Кхунна тӀе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла. 36 Цара, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Ӏоьттинарг, то а лой, дӀахӀуттура.
15Дайша лелийна Ӏадаташ
(Марк 7:1-13)
1 Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира: 2 «Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»
3 Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама? 4- 15:4 Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; Арадаккхар 21:17; Ӏамалъяр 20:9. Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 5 Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгӀатна дӀало“. 6 Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тӀедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дӀадаьккхина. 7 Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь:
8- 15:8, 9 ЕшаӀ-ЯхӀу 29:13 (Грекийн). „ХӀокху адамаша Со багахь лору,
ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
9 Церан ларамах пайда бац,
хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац,
уьш адамаша кхоьллина бу“».
Далла гергахь стаг бехвеш дерг
(Марк 7:14-23)
10 Нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «Соьга ла а догӀий, Аса бохучух кхетахьара шу: 11 стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».
12 ТӀаккха тӀебаьхкинчу мурдаша Ӏийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттина хеташ буйла?»
13 Ӏийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дӀадоьгӀна доцу хӀора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. 14- 15:14 Лака 6:39. Уьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».
15 Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».
16 Ткъа Ӏийсас элира: «ХӀинца а оццул кхетам боцуш ду шу? 17 Шун бага кхаьчна долу хӀума, зорх чу а кхочий, цул тӀаьхьа кийрара арадолу. 18- 15:18 Маттай 12:34. Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. 19 Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. 20 Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хӀума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».
Кхечу къомах йолчу зудчун тешар
(Марк 7:24-30)
21 Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Цорин а, ЦӀаданан а гонах йолчу меттигашка дӀавахара. 22 Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».
23 Амма Ӏийсас цуьнга хӀумма а ца элира. Мурдаша, тӀаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДӀаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тӀаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».
24 Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».
25 ТӀаккха и зуда, Ӏийсана тӀе а еана, гора а хӀоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГӀо дехьа суна!»
26 Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».
27 Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жӀаьлеша а ма лехьадо хӀусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш».
28 ТӀаккха Ӏийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чӀогӀа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоӀ тоелира.
Дукха нах тобар
29 Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Галилай-Ӏоман йистехула дӀавахара. Лам тӀе хьала а ваьлла, охьахиира Иза. 30 Цунна тӀе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагӀнаш, бӀаьрзенаш, заьӀапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Ӏийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора. 31 Адамаш чӀогӀа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьӀапхой тобелча, астагӀа берш, шерра ког а боккхуш, дӀабоьлхуш гича, бӀаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара.
Виъ эзар стаг вузавар
(Марк 8:1-10)
32 Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. Уьш меца дӀабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чӀогӀа гӀел ца балийта».
33 Мурдаша Цуьнга элира: «ХӀокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хӀума?»
34 Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?»
Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу».
35 ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36 ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза. 37 Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира. 38 Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. 39 Нах дӀасабевллачул тӀаьхьа Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Магдан-гӀалина улло дӀавахара.
16Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Марк 8:11-13; Лака 11:29-32)
1- 16:1 Маттай 12:38; Лака 11:16. Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. 2 Ӏийсас цаьрга элира: «Малх дӀабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хӀоттам хир бу, стигал цӀийелла йолу дела“. 3 Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. 4- 16:4 Маттай 12:39; Лака 11:29. Боьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен».
Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.
Парушхойн а, садукъойн а муьста бод
(Марк 8:14-21)
5 Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера. 6- 16:6 Лака 12:1. ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах».
7 И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тӀаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела».
8 Ӏийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кӀезиг тешарш! ХӀунда боху аша шайгахь бепиг дац? 9- 16:9 Маттай 14:17-21. ХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. 10- 16:10 Маттай 15:34-38. Ткъа шуна дага ца догӀу виъ эзар стаг вузийна долу ворхӀ бепиг а, цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а? 11 ХӀунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу».
12 ТӀаккха уьш кхийтира Ӏийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара.
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Марк 8:27-30; Лака 9:18-21)
13 Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?»
14- 16:14 Маттай 14:1, 2; Марк 6:14, 15; Лака 9:7, 8. Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху».
15 ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»
16- 16:16 Яхьъя 6:68, 69. ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».
17 Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. 18 Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац. 19- 16:19 Маттай 18:18; Яхьъя 20:23. Аса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». 20 Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Марк 8:31–9:1; Лака 9:22-27; Марк 8:31–9:1)
21 Цу хенахь дуьйна Ӏийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Ӏеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна.
22 Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тӀе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хӀума Хьуна тӀе ма кхочийла!»
23 Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».
24- 16:24 Маттай 10:38; Лака 14:27. Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“ бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь+ 16:24 *Баланийн мохь *– бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: *жӀаран бӀогӀам.* схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза. 25- 16:25 Маттай 10:39; Лака 17:33; Яхьъя 12:25. ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. 26 ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча? 27- 16:27 Маттай 25:31; Забур 61:13; Римхошка 2:6. Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина. 28 Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»
17Ӏийса хийцавалар
(Марк 9:2-13; Лака 9:28-36)
1 Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. 2 Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра. 3 ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 4 Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний».
5- 17:5 Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; 12:18; Марк 1:11; Лака 3:22; 2 Кипин 1:17, 18. Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»
6 И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. 7 Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!» 8 Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна.
9 Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: « Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!»
10- 17:10 Малъаки 4:5. ТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»
11 Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду. 12- 17:12 Маттай 11:14. Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш».
13 ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Марк 9:14-29; Лака 9:37-43)
14 Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: 15 «Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу. 16 Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира».
17 Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18 Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира. 19 Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?»
20- 17:20 Маттай 21:21; Марк 11:23; 1 Коринтхошка 13:2. Цо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“ аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара»+ 17:20 *Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 21 тӀетоьхна ду: *Ткъа хӀара тайпа долу хӀуманаш доӀанций, мархиций дӀадаккхалур ду.*.
Ӏийсас юха а шен вала везарх а, денвала везарх а лаьцна дуьйцу
(Марк 9:30-32; Лака 9:43б-45)
22 Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант нехан кара дӀалур ву. 23 Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
Цуьнан мурдаш чӀогӀа гӀайгӀане ийгира.
Делан цӀенна ял ялар
24- 17:24 Арадаккхар 30:13; 38:26. Уьш Ӏийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тӀебаьхкира Делан цӀенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цӀенна гӀуллакхна ял+ 17:24 *Делан цӀенна гӀуллакхна ял *– шарахь цкъа хӀора стагана шиъ драхма ахча дала дезара Делан цӀенна гӀуллакхна.* лой?»
25 Кипас жоп делира: «Ло!»
Иза а аьлла, Кипа цӀа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамӀа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?»
26 Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху».
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делахь хӀета церан бахархой, ял ца луш, кӀелхьарбовлу-кх. 27 Амма кхузара Ӏедалехь болу нах оьгӀаз ца бахийта, ваха а гӀой, чӀерий лоцу мӀара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чӀеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тӀера ял дӀало».
18Мурдех лакхарниг мила ву?
(Марк 9:33-37; Лака 9:46-48)
1- 18:1 Лака 22:24. Ӏийсана тӀе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?»
2 Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна, 3- 18:3 Марк 10:15; Лака 18:17. элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац. 4 ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву. 5 Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».
Къа латоран бахьанаш
(Марк 9:42-48; Лака 17:1, 2)
6 «Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хӀора стагана, хьеран тӀулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хӀорда буха вахар гӀоле ду. 7 Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах.
8- 18:8 Маттай 5:30. Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дӀакхосса. ХӀунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гӀоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул. 9- 18:9 Маттай 5:29. Хьан бӀаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дӀакхосса. Цхьана бӀаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гӀоле ду хьуна, ший а бӀаьрг а болуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул».
Байначу уьстагӀах лаьцна хьекъале дустар
(Лака 15:3-7)
10 «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла+ 18:10 *Цхьадолчу тептарш тӀехь Лакин тептар (19:10) тӀера схьаэцна долу аят 11 тӀетоьхна ду: *Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву.*.
12 Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац? 13 Ас баккъалла а боху шуьга: шена дӀакъаьстина цхьа уьстагӀ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагӀал оцу цхьана уьстагӀах цуьнан самукъадер ду. 14 Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дӀакъастийта».
Къинош летош волу ваша
15- 18:15 Лака 17:3. «Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гӀой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогӀахь, тӀаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во. 16- 18:16 Карлабаьккхинарг 19:15. Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“. 17 Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца.
18- 18:18 Маттай 16:19; Яхьъя 20:23. Баккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гӀуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду.
19 Кхин цхьа хӀума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доӀанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду. 20 ХӀунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цӀарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву».
КъинтӀера ца ваьллачу ялхочух лаьцна хьекъале дийцар
21- 18:21, 22 Лака 17:3, 4. Кипас, Ӏийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтӀера вала веза цунна? ВорхӀазза вала везий?»
22- 18:22 Доладалар 4:24. Ткъа Ӏийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхӀазза хир дац, ворхӀазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду. 23 Стигалийн Олалла хӀокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла. 24 Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тӀевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла. 25 Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дӀавохка аьлла. 26 ТӀаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хӀоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дӀалур ду хьуна!“ 27 Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтӀера а ваьлла, дӀавахийтина.
28 Ткъа цу ялхочо, шена бӀе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тӀе а вахана, иза лаг тӀера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“ – аьлла. 29 ТӀаккха цу ялхочо, хӀокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дӀалур дара“. 30 Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. 31 И хӀума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дӀа а бахана, дӀадийцира. 32 Эло, и ялхо тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтӀера а ваьлла, хьуна дитира. 33 Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ 34 ОьгӀазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла.
35 Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтӀера ца довлахь».
19Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам
(Марк 10:1-12)
1 Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара. 2 Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира.
3 ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»
4- 19:4 Доладалар 1:27; 5:2. Ӏийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? 5- 19:5 Доладалар 2:24. Цигахь аьлла ду:
„Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,
стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
6 ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
7- 19:7 Карлабаьккхинарг 24:1-4; Маттай 5:31. ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»
8 Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. 9- 19:9 Маттай 5:32; 1 Коринтхошка 7:10, 11. Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».
10 Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».
11 Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш+ 19:11 *Цу аятан важа маьӀна иштта мегар дара: *Шена Дала деллачо бен тӀелоцур дац Сан дешнаш.*. 12 Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».
Ӏийсас бераш декъалдо
(Марк 10:13-16; Лака 18:15-17)
13 Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара. 14 Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».
15 Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.
Хьалдолу стаг
(Марк 10:17-31; Лака 18:18-30)
16 Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?»
17 Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде».
18- 19:18 Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20. Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?»
Ӏийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де, 19- 19:19 Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; Ӏамалъяр 19:18. дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза».
20 Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?»
21 Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
22 И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.
23 Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 24 Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
25 Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?»
26 Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».
27 Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?»
28- 19:28 Маттай 25:31; Лака 22:30. Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду. 29 Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. 30- 19:30 Маттай 20:16; Лака 13:30. Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
20Кемсийн бешара белхалой
1 «ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг. 2 Цхьа динари+ 20:2 *Динари *– цхьана дийнахь болх бича луш долу дато ахча.* ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна. 3 Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг. 4 Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“. 5 Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина. 6 Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“ 7 Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.
8- 20:8 Ӏамалъяр 19:13; Карлабаьккхинарг 24:15. Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало – тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“. 9 Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла. 10 Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари. 11 Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла. 12 Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“. 13 Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла. 14 Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа. 15 Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“
16- 20:16 Маттай 19:30; Марк 10:31; Лака 13:30. Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».
Ӏийсас кхозлагӀа а Шен Ӏожаллех а, Ша денлург хиларх а лаьцна дуьйцу
(Марк 10:32-34; Лака 18:31-34)
17 Ярушалайме боьдучу новкъахь Ӏийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира: 18 «ЛадогӀа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КӀант динан коьртачу дайшкий, Ӏеламчу нахей дӀалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. 19 ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».
Якъубан а, Яхьъян а дехар
(Марк 10:35-45)
20 Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.
21 Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?»
Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа».
22 Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?»
«Бу», – элира цара.
23 Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар – иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
24 Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна. 25- 20:25, 26 Лака 22:25, 26. Амма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а. 26- 20:26, 27 Маттай 23:11; Марк 9:35; Лака 22:26. Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза. 27 Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза. 28 Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Ӏийсас бӀаьрзе ши стаг туовар
(Марк 10:46-52; Лака 18:35-43)
29 Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. 30 Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант!»
31 Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
32 ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?»
33 Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара».
34 Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.
21Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Марк 11:1-11; Лака 19:28-40; Яхьъя 12:12-19)
1 Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира, 2 хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла. 3 Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».
4 И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:
5- 21:5 Закри-ЯхӀу 9:9. «ДӀаала Цийонан йоӀе:
„Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш!
Цуьнан эсала амал ю.
Иза вирана тӀехиъна вогӀу,
боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
6 Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира. 7 Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира. 8 Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура. 9- 21:9 Забур 117:25, 26. Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна!+ 21:9 *ХӀашанна *– иза «кӀелхьардаха хӀинца!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам» бохучух терра ду.* Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»
10 Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»
11 Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Марк 11:15-19; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)
12 Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра. 13- 21:13 ЕшаӀ-ЯхӀу 56:7; Ярми-ЯхӀу 7:11. Цо элира: «Яздина ду:
„Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“.
Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
14 Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира. 15 Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира. 16- 21:16 Забур 8:3 (Грекийн). Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?»
Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна:
„Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула
бойтур бу Ахьа хастамаш“?»
17 Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.
Комарийн диттана сардам боллар
(Марк 11:12-14, 20-24)
18 Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера. 19 Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тӀевахара. Амма цунна тӀехь, гӀаш доцург, цхьа а стом бацара. ТӀаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тӀе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дӀахӀоьттира.
20 И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?»
21- 21:21 Маттай 17:20; 1 Коринтхошка 13:2. Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. 22 Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».
Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Марк 11:27-33; Лака 20:1-8)
23 Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
24 Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 25 Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?»
ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 26 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». 27 Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла.
ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Шина кӀантах лаьцна хьекъале дийцар
28 «Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“. 29 КӀанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тӀаьхьа метта а веана, болх бан вахара. 30 ТӀаккха дас, важа кӀант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгӀачу кӀанта жоп делира: „ГӀур ву“. Амма иза болх бан ца вахара. 31 Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?»
Цара элира: «Хьалхарчо».
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу. 32- 21:32 Лака 3:12; 7:29, 30. ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Марк 12:1-12; Лака 20:9-19)
33- 21:33 ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1, 2. «ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 34 Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца. 35 Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина. 36 ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“ хӀоттийна кемсашлелорхоша. 37 Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“. 38 Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. 39 Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.
40 Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»
41 Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга».
42- 21:42 Забур 117:22, 23. Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг:
„ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
43 Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду. 44 Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву».
45 Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. 46 Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.
22Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар
(Лака 14:15-24)
1 Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: 2 «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина. 3 Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. 4 Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“. 5 Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, 6 ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. 7 Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна. 8 ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. 9 Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. 10 Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара.
11 Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тӀехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш. 12 Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла. 13- 22:13 Маттай 8:12; 25:30; Лака 13:28. ТӀаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дӀа а дехкий, Ӏаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“.
14 Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кӀезиг бу».
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Марк 12:13-17; Лака 20:20-26)
15 ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. 16 Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. 17 Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»
18 Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? 19 Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча».
Цунна дато динари-ахча схьадеара. 20 ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?»
21 Цара элира: «Римхойн паччахьан».
ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
22 Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара.
Денваларх лаьцна
(Марк 12:18-27; Лака 20:27-40)
23- 22:23 Векалийн 23:8. Цу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира: 24- 22:24 Карлабаьккхинарг 25:5. «Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору. 25 Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира+ 22:25 *...цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира *– иштта хӀетахьлерчу Ӏедалехь хилла.*. 26 Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира. 27 Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира. 28 Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу».
29 Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. 30 Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 31 Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг: 32- 22:32 Арадаккхар 3:6. „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»
33 Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира.
Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
(Марк 12:28-34; Лака 10:25-28)
34 Цо садукъой Шен жоьпаца ала хӀума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира. 35 Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира: 36 «Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?»
37- 22:37 Карлабаьккхинарг 6:5. Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“. 38 Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду. 39- 22:39 Ӏамалъяр 19:18. Цунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. 40- 22:35-40 Лака 10:25-28. Товрат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду».
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Марк 12:35-37; Лака 20:41-44)
41 ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира: 42 «ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?»
Цара Цуьнга элира: « Даудан КӀант ву».
43 Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:
44- 22:44 Забур 109:1. „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле:
‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“.
45 Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?»
46 Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш.
23Парушхойн а, Ӏеламчу нехан а гӀалатех адамаш лардар
(Марк 12:38, 39; Лака 11:43, 46; 20:45, 46)
1 ТӀаккха Ӏийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира. 2 Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето. 3 Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хӀунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гӀуллакхаш дан а ца до. 4 Цара чӀогӀа хала парзаш хӀиттадо. Уьш кхочушдан чӀогӀа хала ду. И парзаш нахана тӀе а дехкина, уьш цаьрга дӀакхехьийта гӀерта. Ткъа шаьш пӀелг меттахбаьккхина а хӀума дан лууш бац. 5- 23:5 Маттай 6:1; Карлабаьккхинарг 6:8; Лелар 15:38. Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю. 6 Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а. 7 Царна лаьа базаран майданахь шайга чӀогӀа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цӀе яккхийта а. 8 Амма аша шайн цӀе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хӀунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду. 9 Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цӀе ма яккха, хӀунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву. 10 Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цӀе ма яккхийта, хӀунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг. 11- 23:11 Маттай 20:26, 27; Марк 9:35; 10:43, 44; Лака 22:26. Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. 12- 23:12 Лака 14:11; 18:14. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.
13- 23:13, 14 Марк 12:40; Лака 20:47. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта+ 23:13 *Цхьадолчу тептарш тӀехь 14-гӀа аят тӀетоьхна ду: *Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! Бисина Ӏаш болчу зударийн цӀенош аша шайна дерзадо, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до аша. Амма луьра таӀзар хир ду шуна.*.
15 Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХӀордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дӀахӀоттаво аша.
16 Къа ду шун, шаьш бӀаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цӀийнах дуй биъча, хӀумма а дац, амма Делан цӀа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. 17 БӀаьрзе, сонта нах! ХӀун ду деза – деши ду, я Делан цӀа ду, и деши даздеш долу? 18 Аша боху: „СагӀа доккхучу кхерчах дуй биъча, хӀумма а дац. Амма цу кхерча тӀехь Ӏуьллучу сагӀанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“ 19 БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза – сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу? 20 Цу кхерчах дуй буучо цу тӀе охьайиллинчу хӀуманах а боу дуй. 21 Делан цӀийнах дуй буучо Делан цӀийнах а, цу чохь Ӏаш Волчух а боу дуй. 22- 23:22 ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Маттай 5:34. Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гӀантах а, цу гӀанта тӀехь Волчух а дуй боу.
23- 23:23 Ӏамалъяр 27:30. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Ӏаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгӀа дакъа аша сагӀина дӀало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чӀогӀа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хӀуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. 24 БӀаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дӀайоккху аша, амма эмкал+ 23:24 *Эмкал *– хӀара хьайба товрат-хьехамаш тӀехь хьарам лоруш ду.* дӀакхоллу.
25 Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тӀехулара дикка цӀандо, амма чухулара уьш бӀаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хӀуманах дуьзна ду. 26 БӀаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цӀанде, уьш тӀера а, чуьра а цӀена хилийта.
27- 23:27 Векалийн 23:3. Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТӀехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьӀахкаш, дахкаделла долу дилха а ду. 28 Шу шаьш а, тӀехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.
29 Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо. 30 Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“. 31 Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тӀаьхьенах хилар чӀагӀ а деш. 32 Шайн дайша лелийнарг кхин а тӀехдаккха! 33- 23:33 Маттай 3:7; 12:34; Лака 3:7. Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу? 34 Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Ӏелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жӀарах дӀатуху, вуьш, шун гуламан цӀенош чохь етташ, цхьана гӀалара вукху гӀала лоьхкуш лелабо. 35- 23:35 Доладалар 4:8; 2 Шерашкахь 24:20, 21. Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. 36 Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хӀокху тӀаьхьено».
Ярушалайм бахьана долуш гӀайгӀане хилар
(Лака 13:34, 35)
37 «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 38- 23:38 Ярми-ЯхӀу 22:5. ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. 39- 23:39 Забур 117:26. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
24Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Марк 13:1, 2; Лака 21:5, 6)
1 Делан цӀа долчуьра схьавогӀуш вара Ӏийса. Цу цӀийнан кертахь йолу гӀишлош Цунна гайтархьама, Ӏийсана тӀебаьхкира Цуьнан мурдаш. 2 Цо цаьрга элира: «ХӀара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Марк 13:3-13; Лака 21:7-19)
3 Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»
4 Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. 5 Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Ӏехор бу. 6 ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц. 7 Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу. 8 Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9- 24:9 Маттай 10:22. Шу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. 10 Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю. 11 Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. 12 Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу. 13- 24:13 Маттай 10:22. Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву. 14 И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».
Боккха гӀайгӀа-бала
(Марк 13:14-23; Лака 21:20-24)
15- 24:15 Даниал 9:27; 11:31; 12:11. «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“ езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!), 16 тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 17- 24:17, 18 Лака 17:31. Ткъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла. 18 Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 19 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 20 Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий. 21- 24:21 Даниал 12:1; Довзийтинарг 7:14. ХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана. 22 Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду.
23 Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 24 хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама. 25 ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо.
26- 24:26, 27 Лака 17:23, 24. Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш, 27 хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар.
28- 24:28 Лака 17:37. ХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш+ 24:28 *ХьаргӀанаш *– грекийн маттахь: *ломъаьрзунаш.* а».
Адамийн КӀант схьавар
(Марк 13:24-27; Лака 21:25-28)
29- 24:29 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Юал 2:10, 31; 3:15; Довзийтинарг 6:12; Яхьазкхиал 32:7; Юал 2:10; 3:15; ЕшаӀ-ЯхӀу 34:4; Довзийтинарг 6:13. «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь,
малх кхулур бу,
батто а серло лур яц,
стигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
30- 24:30 Даниал 7:13; Закри-ЯхӀу 12:10-14; Довзийтинарг 1:7. Цу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. 31 Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Марк 13:28-31; Лака 21:29-33)
32 «Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 33 Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а. 34 Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а. 35 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа
(Марк 13:32-37; Лака 17:26-30, 34-36)
36 «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 37- 24:37 Доладалар 6:5-8. Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш. 38 ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. 39- 24:39 Доладалар 7:6-24. ХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а. 40 Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 41 Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю. 42 Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла. 43- 24:43, 44 Лака 12:39, 40. Кхин цхьа хӀума а дагахь латтаде: хӀусамдена къу буьйсанна маца вогӀур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта. 44 Цундела шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
Тешаме а, тешам боцу а ялхо
(Лака 12:41-48)
45 «Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тӀехӀоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хӀума дӀа а луш. 46 Декъал хир ву, шен хьолада цӀа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. 47 Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву. 48 Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгӀазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цӀа вогӀур вац“ бохуш, 49 вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тӀех сов дууш, маларш муьйлуш Ӏаш хир ву. 50 Иза цӀа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цӀа кхочур ву. 51 ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
25Итт зудаберах лаьцна долу хьекъале дийцар
1- 25:1 Лака 12:35. «Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана. 2 Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла. 3 Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла. 4 Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна. 5 Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна.
6 Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“ 7 Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна. 8 Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, – бохуш. 9 Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“. 10 Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла.
11- 25:11, 12 Лака 13:25. ТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“ 12 Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“
13 Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
Кхаа ялхочух лаьцна долу хьекъале дийцар
(Лака 19:11-27)
14- 25:14-30 Лака 19:11-27. «Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна. 15 Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла. 16 Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина. 17 Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина. 18 Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна.
19 Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла. 20 Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“. 21 Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 22 Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“. 23 Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“. 24 ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо. 25 Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“. 26 Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой. 27 Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара. 28 Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало. 29- 25:29 Маттай 13:12; Марк 4:25; Лака 8:18. ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху. 30- 25:30 Маттай 8:12; 22:13; Лака 13:28. Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».
Адамашна тӀехь йина кхел
31- 25:31 Маттай 16:27; Маттай 19:28. «Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе. 32 ТӀаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаӀуьно уьстагӀий гезарех санна, дӀасакъастор ду. 33 УьстагӀий Цо Шена аьтту агӀор дохур ду, гезарий – аьрру агӀор. 34 Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду, 35 хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира. 36 Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“. 37 ТӀаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хӀума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? 38 Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тӀе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тӀе хӀума? 39 Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тӀаьхьа?“ 40 Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
41 ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг. 42 ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира. 43 Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“. 44 ТӀаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТӀехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Ӏийна Хьан гӀуллакх ца деш?“ 45 ТӀаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гӀо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гӀо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“. 46- 25:46 Даниал 12:2. ТӀаккха уьш цкъа а хедар доцучу таӀзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».
26Ӏийса вен бина болу барт
(Марк 14:1, 2; Лака 22:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1 Ша къамел дина ваьллачул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: 2- 26:2 Арадаккхар 12:1-27. «Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „ Пасахь“ олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а».
3 ТӀаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цӀе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира. 4 Цара барт бира Ӏийса хӀилланца схьалаца а, вен а. 5 Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар
(Марк 14:3-9; Яхьъя 12:1-8)
6 Ӏийса Бет-ХӀинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамӀин хӀусамехь волчу хенахь, 7- 26:7 Лака 7:37, 38. Цунна тӀееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогӀу, механа чӀогӀа деза долу даьтта хиъна Ӏаш волчу Ӏийсана коьрта тӀе дитта йолаелира. 8 И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума? 9 Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».
10 Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду. 11- 26:11 Карлабаьккхинарг 15:11. Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца. 12 Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю. 13 Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
ЯхӀуд-Искархо Ӏийсана ямартло ян реза хилар
(Марк 14:10, 11; Лака 22:3-6)
14 Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхӀуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана, 15- 26:15 Закри-ЯхӀу 11:12. элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира. 16 ХӀеттахь дуьйна ЯхӀуд-Искархо Ӏийса цаьрга дӀавала аьтто лаха волавелира.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даар
(Марк 14:12-21; Лака 22:7-13, 21-23; Яхьъя 13:21-30)
17 Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Ӏийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
18 Цо элира: «ГӀалахь Ӏаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гӀой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тӀекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хӀусамехь даздийр ду’“».
19 Цара, дӀа а бахана, Цо тӀедиллинарг кхочушдира, тӀаккха Пасахьан пхьор кечдира.
20 Суьйре тӀекхаьчча, Ӏийса Шен шийтта мурдаца хӀума яа охьахиира. 21 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».
22 ЧӀогӀа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»
23- 26:23 Забур 40:10. Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хӀокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу. 24 Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
25 Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхӀуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!»
Ӏийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
Везачу Элан пхьор
(Марк 14:22-26; Лака 22:14-20; 1 Коринтхошка 11:23-25)
26 Цара хӀума юучу хенахь Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «ДӀаэца, даа, иза Сан дегӀ ду шуна!»
27 Цул тӀаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дӀакховдийра: «ДӀамала массара а, 28- 26:28 Арадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34. иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу! 29 Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дӀахӀоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тӀекхаччалц», – аьлла.
30 ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Марк 14:27-31; Лака 22:31-34; Яхьъя 13:36-38)
31- 26:31 Закри-ЯхӀу 13:7. ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара:
„Ӏуьнна чов йийр ю Аса,
тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“. 32- 26:32 Маттай 28:16. Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
33 ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дӀатесча а, аса-м дӀатосур вац Хьо».
34 Ӏийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».
35 ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац».
Изза вукхара а элира.
Ӏийсас Гатшамани-бешахь доӀа дар
(Марк 14:32-42; Лака 22:39-46)
36 Ӏийса Шен мурдашца Гатшамани цӀе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Ӏе, Аса, хьуьлла а вахана, доӀа дечу юкъана». 37 Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза. 38 Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».
39 Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
40 Шен мурдаш болчу тӀевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХӀун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу? 41 Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду».
42 Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» 43 Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера.
44 КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш. 45 Шен мурдаш болчу тӀе а веана, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу хӀинца а, наб еш, садоӀуш ду? ЛадогӀа Соьга: Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна. 46 Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Марк 14:43-50; Лака 22:47-53; Яхьъя 18:3-12)
47 Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. 48 Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – Иза схьалаца». 49 Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.
50 Ӏийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гӀуллакх кхочушде+ 26:50 *Айхьа кхуза веана долу гӀуллакх кхочушде *– я иштта: *хьо стенна деана?*». Цара Ӏийса, тӀекхетта, схьалецира. 51 Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тӀерадаьккхира. 52- 26:52 Доладалар 9:6; Довзийтинарг 13:10. Ӏийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хӀунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. 53 Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна? 54 Делан Йозанаш тӀехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»
55- 26:55 Лака 19:47; 21:37. Цу хенахь Ӏийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь Ӏаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира. 56 Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама».
ТӀаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дӀабахара.
Ӏийса коьртачу кхеташонна хьалха хӀутту
(Марк 14:53-65; Лака 22:54, 55, 63-71; Яхьъя 18:13, 14, 19-24)
57 Ӏийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дӀавигира. Кхузахь гулбелла бара Ӏелам нах а, къаной а. 58 Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гӀаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дӀа хӀун хир ду хьожуш. 59 Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. 60 Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара. 61- 26:61 Яхьъя 2:19. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „ Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“».
62 ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» 63 Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?»
64- 26:64 Даниал 7:13. Ӏийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга:
хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур ву
Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а,
стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65- 26:65, 66 Ӏамалъяр 24:16. ТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? 66 ХӀун хета шуна?»
Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
67- 26:67 ЕшаӀ-ЯхӀу 50:6. Цхьаболчара юьхь тӀе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тӀара детташ, 68 мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Марк 14:66-72; Лака 22:56-62; Яхьъя 18:15-18, 25-27)
69 Кипа цу хенахь кертахь Ӏаш вара. Цунна тӀе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Ӏийсаца».
70 Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хӀун боху». 71 Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Ӏийсаца вара».
72 Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».
73 Дукха хан ялале кхунна тӀебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хӀунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».
74 Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза».
Эццахь нӀаьна кхайкхира. 75 ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас аьлларг: «НӀаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дӀатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
27Ӏийса Пулат волчу валаво
(Марк 15:1; Лака 23:1, 2; Яхьъя 18:28-32)
1 ШолгӀачу Ӏуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Ӏийса вейта барт бира. 2 Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.
ЯхӀуд-Искархо валар
(Векалийн 1:18, 19)
3- 27:3-8 Векалийн 1:18, 19. Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. 4 Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина».
Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».
5 Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира.
6 Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела». 7 Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка. 8 Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду. 9- 27:9, 10 Закри-ЯхӀу 11:12, 13. Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхӀус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хӀоттийна волчунна тӀера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. 10 Иза кхийра пхьегӀаш еш волчун лаьттах дӀаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».
Пулата Ӏийса жоьпе озаво
(Марк 15:2-5; Лака 23:3-5; Яхьъя 18:33-38)
11 Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?»
Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». 12 Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хӀумма а ца элира.
13 ТӀаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?»
14 Амма Ӏийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чӀогӀа цецваьллера.
Ӏийса вен кхел йо
(Марк 15:6-15; Лака 23:13-25; Яхьъя 18:39–19:16)
15 ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура. 16 Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб. 17 Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „ Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?» 18 Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.
19 Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла.
20 Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар. 21 ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?»
Цара элира: «Барраб».
22 Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?»
Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»
23 Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?»
Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.
24- 27:24 Карлабаьккхинарг 21:6-9. И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».
25 Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»
26 ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
Ӏийса тӀемалоша хьийзавар
(Марк 15:16-20; Яхьъя 19:2, 3)
27 ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира. 28 Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира. 29 Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 30 Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. 31 Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Марк 15:21-32; Лака 23:26-43; Яхьъя 19:17-27)
32 ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара. 33 Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 34- 27:34 Забур 68:22. Стимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира. 35- 27:35 Забур 21:19. Иза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира. 36 Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара. 37 Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. 38 Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. 39- 27:39 Забур 21:8; 108:25. Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, 40- 27:40 Маттай 26:61; Яхьъя 2:19. Цуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!»
41 Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: 42 «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду! 43- 27:43 Забур 21:9. Иза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»
44 Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.
Ӏийса кхалхар
(Марк 15:33-41; Лака 23:44-49; Яхьъя 19:28-30)
45 Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза. 46- 27:46 Забур 21:2. Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»
47 Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!» 48- 27:48 Забур 68:22. Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.
49 Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».
50 Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо. 51- 27:51 Арадаккхар 26:31-33. ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара. 52 Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира. 53 Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.
54 Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
55- 27:55, 56 Лака 8:2, 3. Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама. 56 Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.
Ӏийса дӀаволлар
(Марк 15:42-47; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42)
57 Суьйре тӀееача, Рамат-гӀалара Юсуп цӀе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Ӏийсан мурдех. 58 Пулат волчу а веана, цо, Ӏийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дӀало аьлла, омра дира. 59 Юсупа, дакъа схьа а эцна, цӀеначу кӀади юккъе а хьарчийна, 60 ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тӀулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дӀа а къевлина, иза дӀавахара. 61 Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.
Къуббанна хӀоттийна долу гӀарол
62 Иза хилира пӀерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгӀачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина, 63- 27:63 Маттай 16:21; 17:23; 20:19; Марк 8:31; 9:31; 10:33, 34; Лака 9:22; 18:31-33. элира: «Эла, тхуна хӀинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгӀачу дийнахь Со денлур ву“. 64 Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дӀа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТӀаккха шолгӀа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».
65 Пулата цаьрга элира: «Шайца гӀаролхой схьа а эций, даха а гӀой, шайна бакъахьа хеттачу агӀор ларъе и къубба».
66 Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.
28Ӏийса веллачуьра денвалар
(Марк 16:1-10; Лака 24:1-12; Яхьъя 20:1-10)
1 Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара. 2 Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира. 3 Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра. 4 ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.
5 ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий. 6 Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса. 7 Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».
8 Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.
9 ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира. 10 Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».
ГӀаролхоша хаам бо
11 Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира. 12 Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира. 13 Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“. 14 И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».
15 Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.
Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
(Марк 16:14-18; Лака 24:36-49; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
16- 28:16 Маттай 26:32; Марк 14:28. Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд. 17 Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира. 18 Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. 19- 28:19 Векалийн 1:8. Иштта, дерриге а къаьмнашна тӀе а доьлхуш, царна Сан мурдаш хила Ӏамаде, Ден а, КӀентан а, Делан Синан а цӀарах адамаш хих чекх а дохуш, 20 Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».