Малъаки-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Малъаки-пайхамаран тептар дӀаяздина дара Ӏийса дуьнен тӀе валале пхоьалгӀачу бӀешерашкахь, Ярушалайм-гӀалахь Делан цӀа юхаметтахӀоттийначул тӀаьхьа. Цара Делаца бинчу бартана тешаме хилар карладаккха динан дайшка а, халкъе а кхайкхар пайхамаран коьрта гӀайгӀа ю. Шайн дахаре а, Далла Ӏамалъяре а хьаьжжина, Делан халкъана юкъахь жимдалар а, талхар а хилар гуш дара. Цунна ма-дарра догӀу сагӀанаш Далла а ца дохуш, Цуьнан товрат-хьехамца а ца лелаш, Дела Ӏехавеш лелаш бу динан дай а, халкъ а. Делахь а Веза Эла схьавогӀур ву, Шен халкъана тӀехь кхел ярхьама а, и халкъ цӀандархьама а. Шена хьалхара Везачу Эло геланча воуьйтур ву, некъ кечбайтархьама а, Шен барт кхайкхорхьама а.

1

1 ХӀара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу.

Везачу Элан Исраилан къоме болу безам

2- 1:2-5 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; 63:1-6; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 25:12-14; 35:1-15; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу. «Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло.

Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху.

«Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера, 3 амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира».

4 Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“ эр ду».

5 Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»

Динан дайшна лерина Везачу Элан хьехам

6 «КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“ 7 СагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина. 8- 1:8 Карлабаьккхинарг 15:21. Къилахь дац ткъа, сагӀина дахьаш дерг бӀаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагӀина деанарг астагӀа я цамгар кхеттарг хилча? ДӀакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тӀеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

9 «Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тӀеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 10 Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац. 11 Малх гучуболучуьра малх дӀабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цӀе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, цӀена долу сагӀанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цӀе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12 Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ. 13 Цу тӀе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кӀордийна-кх хӀара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагӀа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагӀина деача, резахиларца шун карара уьш тӀеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – 14 НеӀалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагӀ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагӀ сагӀина бан ша чӀагӀо йина йоллушехь, сагӀина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХӀунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цӀе а ю халкъашна юкъахь кхераме».

2

1 Цундела, динан дай, шуьга ду хӀара весет. 2 «Нагахь санна аша ла ца догӀахь, нагахь санна Сан цӀе лара шу доггаха тӀедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неӀалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХӀинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тӀе ца дерзийна дела. 3 Ас шух схьайолучу тӀаьхьенна таӀзар дийр ду. Шун юьхь тӀе кхелли кхуссур ю Ас – шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагӀанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дӀакхуьссур ду. 4- 2:4 Лелар 3:11-13. ТӀаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

5- 2:5 Лелар 25:12. Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дӀабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира – уьш Сан цӀаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира. 6 Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. 7 ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.

8 Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тӀера дӀадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 9 Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».

Кхечу къомах йолу зуда ялорах а, зуда йитарх а лаьцна

10 Цхьа да вац ткъа вайн?+ 2:10 *Цхьа да вац ткъа вайн? *– я иштта: *Вайн массеран да вац ткъа ИбрахӀим?* Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХӀунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш? 11 ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела. 12 Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах дӀахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагӀанаш дахийта!

13 Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу. 14 Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. 15 Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа+ 2:15 *Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа *– я иштта: *Аша боху: «Шена чохь оьздангаллин са долчу а, вайн дас ИбрахӀима а изза ца дина ткъа?» Иза цо дина, амма ИбрахӀимна лууш дерг хӀун дара? Делан халкъана юкъахь долу бераш шен хилийта лууш вацара ткъа ИбрахӀим?*. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. 16 «ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала+ 2:16 *«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала *– я иштта: *Амма аша боху: «„Нагахь санна хьайн зуда хьуна езаш яцахь, цунах дӀакъаста мегар ду“, – боху Исраилан халкъан Везачу Дала».* «И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».

Къематде герга ду

17 Аша Веза Эла шайн дешнашца кӀадвина. «Оха муха кӀадвина Иза?» – олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бӀаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», – аларца, аша шаьш кӀордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?»

3

1- 3:1 Маттай 11:10; Марк 1:2; Лака 1:76; 7:27. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогӀур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

2- 3:2 Юал 2:11; Довзийтинарг 6:17. Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогӀу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХӀунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цӀе санна а, дерриге а цӀандеш долу саба санна а ву. 3 Иза дети лалош а, цӀандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цӀанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагӀанаш цаьрга дахийтархьама. 4 ТӀаккха Везачу Элана яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а сагӀанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дӀадаханчу шерашкахь санна а.

5 «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

Пайхамаро Везачу Элана юха тӀедерза аьлла кхайкхам бар

6 «Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тӀаьхьенах дерш, цхьана а агӀор хийца а ца делла! 7 Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тӀера дӀадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тӀедерза тхо?“ – олий. 8 Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХӀун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа Суна цадаларца а, Суна догӀу сагӀанаш цадахарца а до. 9 Хьуна тӀехь, дерриг а халкъ, неӀалт ду, хӀунда аьлча аша Суна къола до. 10- 3:10 Ӏамалъяр 27:30; Лелар 18:21-24; Карлабаьккхинарг 12:6; 14:22-29; Нахьми-ЯхӀу 13:12. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дерриг а чӀоьнашна чу, Сан дезачу цӀа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тӀехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дӀайоьллур яц ткъа шуна стигалан неӀарш, тӀеӀанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш? 11 Ас шун дуьхьа доьхкур ду цӀазана лаьттан стоьмаш хӀаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 12 Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

Шена тешаме болчарна Дала ял ялар

13 «Шун дешнаш Суна хьалха кӀоршаме ду, – боху Везачу Эло. – Амма аша хаттар до: „ХӀун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“ – бохуш. 14 Аша элира: „Далла гӀуллакх дар эрна ду. ХӀун пайда бу Цо тӀедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? 15 Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Ӏаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».

16 ТӀаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тӀехь дӀаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цӀе лоручеран а цӀераш. 17 «Уьш Сан хир бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхӀар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гӀуллакх деш волчу кӀантах къинхетам баре терра. 18 ТӀаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Ӏесачунна а, Далла гӀуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла».

4

1 «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. 2 Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. 3 Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

ДӀахьедар а, чӀагӀо яр а

4 «Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.

5- 4:5 Маттай 11:14; 17:10-13; Марк 9:11-13; Лака 1:17; Яхьъя 1:21. Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале. 6 Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама».