Ӏийсас беана,
Лакас
дӀаязбина болу хаза кхаъ
Дешхьалхе
Ӏийсас беанчу, Лакас дӀаязбинчу хазачу кхоо гойту, лур ду аьлла Исраилан халкъ КӀелхьардоккхург а, массо а нах КӀелхьарбохург а Ӏийса хилар. Лакас дӀаяздина, Везачу Элан Сино Ӏийса къобалвина хилла, «мискачу нахана Делах лаьцна хаза кхаъ бан». Шайн тайп-тайпана хьашташ долчу нахана болчу гӀайгӀанех буьзна бу и хаза кхаъ. Лакас дӀаяздинчу тептар тӀехь долчу коьртачу ойланашкахь цхьа самукъадалар ду. Ӏийса дуьнен чу валарх лаьцна долчу тептаран дуьххьарлерчу кортошкахь а, Ӏийса стигала хьалаваларх лаьцна долчу тептаран чаккхенехь а иза къаьсттина гуш ду. Ӏийсах тешаран дин кхиарх а, дӀасадаржарх а лаьцна долу дийцар ду «Векалийн ГӀуллакхаш» олучу тептар тӀехь оццу яздархочо дуьйцуш.
Хазачу кхоах лаьцна яздинчу веа яздархочух 1:5–2:52 а, 9:51–19:27 а аяташкахь Лакас бен дӀаяздина дац цхьадолу дийцарш. Царна юкъахь ду: Ӏийса дуьнен чу ваьлча, маликаша лекхначу эшарех долу дийцар а, жаӀуй хьошалгӀа бахкарх долу дийцар а, жима Ӏийса Делан цӀа йолчу варах долу дийцар а, дикачу шамранхочух лаьцна долу хьекъале дустар а, байначу кӀантах лаьцна долу хьекъале дустар а. Хазачу кхоах долчу хӀокху дийцарехь шатайпа хӀуманаш иштта ду: доӀа а, Делан Са а, Ӏийсас дечу гӀуллакхна тӀехь зударша дакъа лацар а, Дала къиношна гечдар а.
1Теапиле аьлла дош
1 Лоруш волу Теапил,
Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира. 2 Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха. 3 И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан, 4 айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.
Яхьъя дуьнен чу валарх хаам
5- 1:5 1 Шерашкахь 24:10. ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла. 6 И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара. 7 Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ. 8 Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан. 9 Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго. 10 Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. 11 Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза. 12 Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира. 13 Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю. 14 Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. 15- 1:15 Лелар 6:3. ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. 16 Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо. 17- 1:17 Малъаки 4:5, 6. Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».
18 Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».
19- 1:19 Даниал 8:16; 9:21. Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. 20 ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».
21 Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. 22 Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла.
23 Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира. 24 Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза. 25 Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо».
Ӏийса дуьнен чу валарх хаам
26 Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала 27- 1:27 Маттай 1:18. Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем. 28 Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»
29 И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш. 30 Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! 31- 1:31 Маттай 1:21. Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь. 32- 1:32, 33 Дауд 7:12, 13, 16; ЕшаӀ-ЯхӀу 9:7. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, 33 гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
34 «Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хӀинца а йоӀстаг ма ю?»
35 Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду. 36 Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу. 37- 1:37 Доладалар 18:14. Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!»
38 «Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра.
Марем Элисат йолчу хьошалгӀа йоьду
39 Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара. 40 Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо. 41 Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира. 42 Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала! 43 Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна? 44 Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира. 45 Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»
Марема Далла хастам бар
46 ТӀаккха Марема элира:
«Сан даго къобалво Веза Эла,
47 Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
48- 1:48 Шамъал 1:11. хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо!
ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
49 хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна
сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
Цуьнан цӀе еза ю!
50 Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка
Цунах кхоьручарах бу!
51 Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина,
Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
52- 1:52 Аюб 5:11; 12:19. паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна,
ткъа миска нах Цо айина.
53 Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна,
хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.
54- 1:46-55 Шамъал 2:1-10. Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана.
Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а,
цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан,
вайн дайшка Цо ма-аллара».
56 Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара.
Яхьъя дуьнен чу валар
57 Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира. 58 Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара. 59- 1:59 Ӏамалъяр 12:3. БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара. 60 Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду».
61 Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!» 62 Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла.
63 Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю». 64 Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира. 65 Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара. 66 Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» – бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.
Закрис Делера болу хаам бар
67 Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:
68 «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела,
ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.
69 Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг
ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,
70 Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.
71 Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а,
вай цадезачеран куьйгех а.
72 Цо вайн дайх къинхетам а бина,
Шен беза барт дагахь латта а бина –
73 вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо.
Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,
74 вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла,
цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,
75 дуьненахь йоккху хан
Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.
76- 1:76 Малъаки 3:1. Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду,
хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву,
Цунна некъ кечбеш,
77 Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар
къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.
78 Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш,
лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,
79- 1:79 ЕшаӀ-ЯхӀу 9:2. Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а,
машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».
80 Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.
2Ӏийса дуьнен чу валар
(Маттай 1:18-25)
1 Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла. 2 Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза. 3 Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала.
4 Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара. 5 Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара. 6 Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира. 7 Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.
Ӏуй а, маликаш а
8 Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара. 9 ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй. 10 Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана! 11 Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг. 12 ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».
13 ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:
14 «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу!
Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»
15 Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».
16 Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а. 17 Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна. 18 Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна. 19 Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора. 20 Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.
Ӏийса Далла хьалха хӀоттар
21- 2:21 а: Ӏамалъяр 12:3; б: Лака 1:31. БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
22 Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто. 23- 2:23 Арадаккхар 13:2, 12. ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза». 24- 2:22-24 Ӏамалъяр 12:6-8. Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.
25 Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца. 26 Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла. 27 Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан, 28 ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:
29 «ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш,
Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла,
30 хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг,
31 Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.
32- 2:32 ЕшаӀ-ЯхӀу 42:6; 49:6; 52:10. Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю,
Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»
33 Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух. 34 ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира:
«ХӀара бер Дала къобалдина ду,
Исраилан халкъана юкъара дукхахберш
хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а.
ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю,
амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
35 Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду.
Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».
36 Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. 37 Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра. 38 Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.
39- 2:39 Маттай 2:23. Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира. 40 Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца.
Жима Ӏийса Ярушалаймехь
41- 2:41 Арадаккхар 12:1-27; Карлабаьккхинарг 16:1-8. ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь+ 2:41 *Пасахь *– жуьгтийн дезачу денош юкъахь лоруш долу цхьа де ду иза. И де Дала уьш Мисар-махкахь леш болчуьра кӀелхьарбахар дагадоуьйту де ду.* олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура. 42 Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара. 43 Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира. 44 Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш. 45 Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш. 46 Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а. 47 Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а. 48 Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».
49 «Аш хӀунда лоьху Со? – хаьттира Цо. – Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?» 50 Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.
51 Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора. 52- 2:52 Шамъал 2:26; Кицанаш 3:4. Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.
3Яхьъяс хьехам бар
(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Яхьъя 1:19-28)
1 Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, 2 динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира. 3 Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. 4- 3:4-6 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3-5 (Грекийн). Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
5 ХӀора тогӀи хьалаюзур ю,
хӀора лам а, гу а охьахедар бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
6 Массарна а гур ду
Дала адамаш кӀелхьардахар!“»
7- 3:7 Маттай 12:34; 23:33. Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8- 3:8 Яхьъя 8:33. Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 9- 3:9 Маттай 7:19. Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».
10 «Ткъа хӀун де оха?» – бохуш хоьттура наха.
11 Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
12- 3:12 Лака 7:29. Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хӀун дан деза?»
13 «Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга.
14 ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?»
Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».
15 Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: « Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» 16 Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу. 17 Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
18 Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс. 19- 3:19, 20 Маттай 14:3, 4; Марк 6:17, 18. Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. 20 ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
Ӏийса хих чекхваккхар
(Маттай 3:13-17; Марк 1:9-11)
21 Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира – стигал еллаелира. 22- 3:22 Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 9:35. Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»
Ӏийсан дай
(Маттай 1:1-17)
23 Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча.
Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара,
ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,
24 Ӏела Маттатан вара,
Маттат Левин вара,
Леви Мелхин,
Мелхи Яннайн,
Яннай Юсупан,
25 Юсуп Маттит-ЯхӀун,
Маттит-ЯхӀу Амосан,
Амос Нахьуман,
Нахьум Элсин,
Элси НагӀайн,
26 НагӀай Махьатан,
Махьат Маттит-ЯхӀун,
Маттит-ЯхӀу ШамӀин,
ШамӀа Юсахан,
Юсах Йовдин,
27 Йовди Йохьанан,
Йохьан Решан,
Реша Зурбабелан,
Зурбабел Шалтаалан,
Шалтаал Неран,
28 Нера Мелхин,
Мелхи Адин,
Ади Къосаман,
Къосам Ӏелмадин,
Ӏелмади Ӏаьран,
29 Ӏаьр ЮшаӀан,
ЮшаӀ ЭлиӀазаран,
ЭлиӀазар Йораман,
Йорам Маттатан,
Маттат Левин,
30 Леви ШимӀин,
ШимӀа ЯхӀудан,
ЯхӀуд Юсупан,
Юсуп Йонаман,
Йонам Элъякъиман,
31 Элъякъим Мелин,
Мели Минадин,
Минади Маттетан,
Маттет Натин,
Ната Даудан,
32 Дауд Юшаян,
Юшай Ӏабадин,
Ӏабади БоӀазан,
БоӀаз Салманан,
Салман Нахьшонан,
33 Нахьшон Ӏамминадабан,
Ӏамминадаб Адманан,
Адман Раман,
Рам Хьацранин,
Хьацрани Парасан,
Парас ЯхӀудан,
34 ЯхӀуд Якъубан,
Якъуб Исхьакхан,
Исхьакх ИбрахӀиман,
ИбрахӀим ТӀахьиран,
ТӀахьир Нахьиран,
35 Нахьир СерагӀан,
СерагӀ Рахьун,
Рахьу ПалагӀан,
ПалагӀ Ӏебаран,
Ӏебар Селахьан,
36 Селахь Къаиман,
Къаим Арпахшадан,
Арпахшад Шимин,
Шима Нохьин,
Нохьа ЛемакӀан,
37 ЛемакӀ Матушалахьан,
Матушалахь ХӀанохан,
ХӀанох Ярадан,
Ярад Махьаллалан,
Махьаллал Къаиман,
38 Къаим Эношан,
Энош ШатӀин,
ШатӀа Адаман,
ткъа Адам – Делан кӀант вара.
4Ӏийса зер
(Маттай 4:1-11; Марк 1:12, 13)
1 Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира. 2 Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.
3 Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».
4- 4:4 Карлабаьккхинарг 8:3. Ӏийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».
5 Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. 6 ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан. 7 И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».
8- 4:8 Карлабаьккхинарг 6:13. Амма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
9 Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. 10- 4:10, 11 Забур 90:11, 12. Яздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла. 11 Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
12- 4:12 Карлабаьккхинарг 6:16. Амма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».
13 Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.
Ӏийса Галилайхь хьехамаш бан волало
(Маттай 4:12-17; Марк 1:14, 15)
14 Ӏийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара. 15 Церан гуламан цӀеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза.
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Марк 6:1-6)
16 Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. 17 Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо:
18- 4:18, 19 ЕшаӀ-ЯхӀу 61:1, 2 (Грекийн). «Везачу Элан Са дагца ду сан,
хӀунда аьлча Цо со къобалвина
мискачарна хаза кхаъ кхайкхо.
Цо со хаам бан ваийтина:
чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу,
бӀаьрзечарна серло а лур ю.
Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,
19 Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дӀахаийта».
20 И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. 21 Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь».
22 Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» – бохуш.
23 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, – аьлла». 24- 4:24 Яхьъя 4:44. Юха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар. 25- 4:25 Сулим 17:1. Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь. 26- 4:26 Сулим 17:8-16. Амма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра. 27- 4:27 Сулим 5:1-14. Дуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира».
28 И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана, 29 хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш. 30 Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.
Жино хьийзош волу стаг
(Марк 1:21-28)
31 Галилай-махкарчу Къапарнам цӀе йолчу гӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. 32- 4:32 Маттай 7:28, 29. Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгӀуш Ӏара, хӀунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. 33 Гуламан цӀа чохь жино талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: 34 «ХӀей, Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца, Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш.
35 Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш.
36 Массо а наха, чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хӀун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугӀий, стагана чуьра арадовлу. Царна тӀехь олалла до Цо», – бохуш. 37 Ӏийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Ӏийсас дукха адам тодо
(Маттай 8:14-17; Марк 1:29-34)
38 Ӏийса, гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, ШамӀа волчу цӀа вахара. ШамӀин стуннана дагар долуш Ӏуьллуш яра. Ӏийсага цунна дарба де аьлла, дехнера. 39 Оцу зудчунна тӀехула а хӀоьттина, дагаре дегӀах дӀакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дӀаделира, и зуда, хьала а гӀаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира.
40 Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Ӏийсана тӀе. Царна хӀоранна тӀе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. 41 Дукхахдолчу адамех жинаш дӀакъаьстира: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Ӏийсас царна иза ала ца магадора, хӀунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла.
Ӏийсас ЯхӀуд-махкахь хьехамаш бо
(Марк 1:35-39)
42 ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хӀиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гӀерташ бара, шаьш долчуьра дӀацавахар а доьхуш. 43 Амма Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хӀунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву».
44 ЯхӀуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.
5Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
(Маттай 4:18-22; Марк 1:16-20)
1- 5:1-3 Маттай 13:1, 2; Марк 3:9, 10; 4:1. Цкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама. 2 Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара. 3 ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.
4 Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамӀе элира: «Хи кӀорга долччига дӀадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чӀерий лецархьама!»
5- 5:5 Яхьъя 21:3. ШамӀас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хӀумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». 6- 5:6 Яхьъя 21:6. Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чӀерий лийцира. И бойнаш эттӀал чӀогӀа дукха чӀерий дара царна чохь. 7 ШамӀагӀара кхечу кеманна тӀехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тӀе чӀерий хьаладехира цара. И чӀерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чӀогӀа дуьзина дара. 8 ШамӀа-Кипас, и ган а гина, Ӏийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДӀагӀохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»
9 И лецна чӀерий гина, ШамӀа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа цецбевлла бара. 10 Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо».
11 Кеманаш берда тӀе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина дӀабахара уьш.
Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово
(Маттай 8:1-4; Марк 1:40-45)
12 Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла.
13 ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира. 14- 5:14 Ӏамалъяр 14:1-32. Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
15 Амма Ӏийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тӀе дукха адам догӀура: Цуьнга ладогӀа а, дарбанаш дайта а. 16 Ткъа Ӏийса кест-кеста адам доцучу метте дӀа а воьдий, Деле доӀанаш деш Ӏара.
Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
(Маттай 9:1-8; Марк 2:1-12)
17 Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара. 18 ДегӀан меженаш лела а ца луш, меттахь Ӏуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦӀа чу а ваьхьна, иза Ӏийсана хьалха вилла гӀерташ бара уьш. 19 Амма цӀенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тӀе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Ӏуьрг а даьккхина, цӀа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гӀайбица нахана юккъе а веана, Ӏийсана хьалха охьавиллира цара. 20 Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.
21 ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
22 Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш? 23 ХӀун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 24 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»
25 Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, цӀа вахара, Далла хастамаш а беш. 26 Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хӀума ду!»
Левига тӀекхайкхар
(Маттай 9:9-13; Марк 2:13-17)
27 Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» 28 Леви, дерриг охьа а тесна, Ӏийсана тӀаьххье дӀавахара.
29 Левис шен цӀахь Ӏийсана доккха той хӀоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хӀума юуш. 30- 5:30 Лака 15:1, 2. Парушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»
31 Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 32 Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тӀедерза ала веана».
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Марк 2:18-22)
33 Юха цара элира Ӏийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу».
34 Ӏийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? 35 Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дӀавигча, тӀаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш».
36 Юха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тӀе, керлачу тӀера схьа а яьккхина, йома латор яц, хӀунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тӀехь керла йома товр яц. 37 Цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. 38 Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза. 39 Цхьаммо а шира чагӀар а мелла, юха керланиг мер дац, хӀунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гӀолехь ду“».
6СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Маттай 12:1-8; Марк 2:23-28)
1- 6:1 Карлабаьккхинарг 23:25. Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. 2 И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»
3 Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 4- 6:3, 4 Шамъал 21:1-6. Иза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
5 КхидӀа а Ӏийсас элира: « Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг тово
(Маттай 12:9-14; Марк 3:1-6)
6 Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цӀа чу а веана, нахана хьехам беш вара Ӏийса. Цигахь аьтту куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. 7 Парушхой а, Ӏелам нах а чӀогӀа Ӏийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 8 Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира. 9 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» 10 ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира.
11 Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.
Шийтта векал харжар
(Маттай 10:1-4; Марк 3:13-19)
12 Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш. 13 ШолгӀачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: 14 ШамӀа, шех тӀаьхьа Ӏийсас Кипа аьлла цӀе тиллинарг, цуьнан ваша Ӏандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, 15 Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг, 16 Якъубан кӀант ЯхӀуд, иштта шех ЯхӀуд-Искархо олу, тӀаьхьа ямартхо хилларг а.
Ӏийсас дукха нахана хьехам бар а, дарбанаш дар а
(Маттай 4:23-25)
17 Ӏийса Шен векалшца, лам тӀера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а, хӀордан йистерачу Цора а, ЦӀадан а цӀе йолчу гӀаланашкара. 18 Уьш Ӏийсага ладогӀа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо. 19 ХӀора а Ӏийсах куьг Ӏотта гӀерташ вара, хӀунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.
Нахана хьалха лараме хетарг хийцар
(Маттай 5:1-12)
20 Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира:
«Дала декъала до шу, къенаш,
хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.
21 Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу.
Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.
22- 6:22 1 Кипин 4:14. Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела. 23- 6:23 2 Шерашкахь 36:16; Векалийн 7:52. И де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.
24 Амма къа ду шун, хьолахой,
хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.
25 Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу.
Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.
26 Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хӀунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна».
Далла хьалха лараме хетарг гайтар
(Маттай 5:38-48; 7:12; 7:1-5)
27 «Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, 28 шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де. 29 Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш. 30 ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха. 31- 6:31 Маттай 7:12. Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.
32 Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. 33 Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза. 34 Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. 35 Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
36 Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара».
37 «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву. 38 Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».
Устаза аьлларг кхочушдар
(Маттай 7:16-20; 12:33-35; 7:24-27)
39- 6:39 Маттай 15:14. ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. 40- 6:40 Маттай 10:24, 25; Яхьъя 13:16; 15:20. Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе.
41 Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? 42 Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».
43 «Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло 44- 6:44 Маттай 12:33. Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а. 45- 6:45 Маттай 12:34. Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду».
46 «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза. 47 ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. 48 Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела. 49 Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».
7Римхойн тӀемалойн хьаькаман ялхо туовар
(Маттай 8:5-13)
1 ЛадугӀуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Ӏийса Къапарнам-гӀали чу вахара. 2 Цигахь цхьа римхойн эскарера тӀемалойн хьаькам вара Ӏаш. Оцу хьаькаман цунна чӀогӀа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Ӏуьллуш вара. 3 Ӏийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кӀелхьарваккхахьара аьлла. 4 Баккхий нах, Ӏийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хӀиттира: «И хьаькам Ахь гӀо дан хьакъ ву. 5 Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цӀа а дина», – аьлла.
6 Ӏийса цаьрца и хьаькам Ӏаш волчу вахара. ЦӀенна хӀорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Ӏийсага дӀаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. 7 ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. 8 Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
9 Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар».
10 Хьаькамо бахкийтина нах цӀа баьхкича, ялхо товелла карийра царна.
Йисина Ӏачу зудчун кӀант денвар
11 Цул тӀаьхьа дукха хан ялале Ӏийса Наин цӀе йолчу гӀала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига. 12 Оцу гӀалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гӀали чуьра велла кӀант вахьаш богӀуш бара. И велларг йисина Ӏачу зудчун цхьаъ бен воцу кӀант вара. Оцу зудчуьнца гӀалара схьадогӀуш дукха адам дара. 13 И зуда гина, цунах чӀогӀа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» – аьлла. 14 Юха тӀевахана барамах куьг Ӏоьттира Цо. Барам бахьаш богӀу нах севцира. Ӏийсас элира: «КӀант, хьоьга боху Ас: хьалагӀатта!» 15 Велларг, ден а велла, кӀегар а хиина, вистхилира. Ӏийсас иза нене дӀавелира.
16 Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».
17 Ӏийсах лаьцна и хабар берриг ЯхӀуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дӀасадаьржира.
Яхьъяс бохкуьйту нах
(Маттай 11:2-19)
18 Яхьъян мурдаша дийцира цунна Ӏийсас динчух лаьцна. 19 Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла.
20 Вахийтинчу шиммо, Ӏийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ – аьлла».
21 Оцу хенахь Ӏийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бӀаьрзечарна бӀаьрса а лора. 22- 7:22 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 35:5, 6; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 61:1. Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 23 Декъала ву Сох шек воцург».
24 Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 25 ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 26 Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 27- 7:27 Малъаки 3:1. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 28 Ас боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.
29- 7:29, 30 Маттай 21:32; Лака 3:12. Яхьъяга ладугӀуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тӀехь, Делан лаам тӀе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира+ 7:29, 30 *И аяташ тептар яздархочун дешнаш хила мегаш ду. Цунах лаьцна билггал хууш дац.*. 30 Амма парушхошна а, Ӏеламчу нахана а, Делан лаам тӀе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.
31 Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? 32 Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка:
„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!
Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“
33 Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагӀар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. 34 Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву“, – олура. 35 Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха».
Шен къиношна гечдайтина зуда.
36 Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Ӏийсага. Ӏийса, и парушхо волчу а вахана, хӀума юучу меттехь дӀатаьӀна, агӀорваьлла Ӏара. 37- 7:37, 38 Маттай 26:7; Марк 14:3; Яхьъя 12:3. Оцу гӀалахь вон цӀе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Ӏийса парушхо волчохь хьошалгӀахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогӀуш долу, дегӀан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. 38 Ӏийсана тӀехьа, когашка дӀа а хӀоьттина, йоьлхуш, бӀаьрхиш Цуьнан когаш тӀе а Ӏенош, юха шен ехачу месашца уьш дӀа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тӀе хаза хьожа йогӀу даьтта дуьттура цо. 39 И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».
40 Юха Ӏийсас элира цуьнга: «ШамӀа, хьоьга цхьа хӀума ала лаьа Суна».
Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» – аьлла.
41 «Цхьана стеган ши декхархо хилла, – волавелира Ӏийса. – Цхьаъ пхи бӀе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт. 42 Я цхьаннан, я шолгӀачун дӀадала ахча ца хилла. ТӀаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?»
43 ШамӀас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», – аьлла.
«Нийса боху ахь», – элира Ӏийсас. 44 ТӀаккха, зудчуьнгахьа дӀа а вирзина, Цо ШамӀе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бӀаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра. 45 Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю. 46 Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тӀе деза, хаза хьожа йогӀу даьтта дуьтту. 47 Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кӀезиг гечдинчо кӀезиг безам гойту».
48 Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина».
49 Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»
50 Ӏийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кӀелхьаръяьккхина хьо. ДӀаяло хьайна маьрша».
8Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина богӀу зударий
1 Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, 2- 8:2, 3 Маттай 27:55, 56; Марк 15:40, 41; Лака 23:49. кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхӀ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, 3 ХӀародан цӀен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тӀера дакъа луш гӀо дора Ӏийсана.
Ахархочух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:1-9; Марк 4:1-9)
4 Ӏийса волчу дукха нах тӀеоьхура маьӀ-маьӀӀера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра:
5 «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 6 Кхидолу буьртигаш тӀулгаш долчу лаьтта тӀе ийгира. Церан зӀийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна. 7 Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. 8 Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дӀадийначул бӀозза сов ялта делира цара».
И дийцар чекх а даьккхина, Ӏийсас чӀоггӀа элира: «Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
Дустаран маьӀна довзийтар
(Маттай 13:10-17; Марк 4:10-12)
9 Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хӀун маьӀна долуш ду и дийцар аьлла. 10- 8:10 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9 (Грекийн). Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. 11 ХӀара маьӀна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. 12 Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дӀахьо, уьш, цунах теша а тешна, кӀелхьара ца бовлийтархьама. 13 Ткъа тӀулгаш тӀе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тӀеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. 14 Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дӀа а бахана, дахаран гӀайгӀанех, хьолах, дегӀана там лахарх Ӏехабелларш бу. 15 Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».
Кхабина буха хӀоттийна стогар
(Марк 4:21-25)
16- 8:16 Маттай 5:15; Лака 11:33. «Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо.
17- 8:17 Маттай 10:26; Лака 12:2. ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.
18- 8:18 Маттай 25:29; Лака 19:26. Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».
Ӏийсан нана а, вежарий а
(Маттай 12:46-50; Марк 3:31-35)
19 Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш. 20 Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш».
21 Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу».
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Маттай 8:23-27; Марк 4:35-41)
22 Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара. 23 Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. 24 Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!»
Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира. 25 ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?»
Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга».
Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар
(Маттай 8:28-34; Марк 5:1-20)
26 Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира. 27 Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара. 28 Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза.
30 Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?»
Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. 31 Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла. 32 Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. 33 Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий.
34 Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а. 35 Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира. 36 Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. 37 Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира. 38 Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла.
Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза: 39 «ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла.
Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира.
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда тояр а
(Маттай 9:18-26; Марк 5:21-43)
40 Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. 41 Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла. 42 ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш.
Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. 43 Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш. 44 ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира. 45 «Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас.
Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
46 Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ». 47 Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а. 48 ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна».
49 Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу».
50 Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю».
51 Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен. 52 Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Ӏийсас, – иза ца елла, иза йижина ю».
53 Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла. 54 Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!» 55 ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира. 56 Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.
9Ӏийсас шийтта векал дӀахьажор
(Маттай 10:5-15; Марк 6:7-13)
1 Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. 2 Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а. 3 «Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга. 4 «Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц. 5- 9:3-5 Лака 10:4-11. Нагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
6 Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
ХӀародан воьхна хьийзар
(Маттай 14:1-12; Марк 6:14-29)
7- 9:7, 8 Маттай 16:14; Марк 8:28; Лака 9:19. Ӏийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, 8 вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. 9 ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
Пхи эзар стаг вузор
(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Яхьъя 6:1-14)
10 Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса. 11 Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.
12 Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла.
13 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».
Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» – аьлла. 14 Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара.
Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла.
15 Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. 16 Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 17 Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Маттай 16:13-19; Марк 8:27-29)
18 Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла.
19- 9:19 Маттай 14:1, 2; Марк 6:14, 15; Лака 9:7, 8. Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».
20- 9:20 Яхьъя 6:68, 69. «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас.
Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:20-28; Марк 8:30–9:1)
21 Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна. 22 Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
23- 9:23 Маттай 10:38; Лака 14:27. ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь+ 9:23 *Баланийн мохь *– грекийн маттахь, цхьабакъду, яздина ду: *жӀаран бӀогӀам.* тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза. 24- 9:24 Маттай 10:39; Лака 17:33; Яхьъя 12:25. ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду. 25 ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича? 26 Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. 27 Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
Ӏийса хийцавалар
(Маттай 17:1-8; Марк 9:2-8)
28 Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира. 29 ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш. 30 Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна. 32 Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. 33 И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.
34 Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча. 35- 9:28-35 2 Кипин 1:17, 18. Мархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»
36 Аз дӀатийча, царна Ӏийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Маттай 17:14-18; Марк 9:14-27)
37 ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба. 38 Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац! 39 Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин. 40 Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира».
41 Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!»
42 КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира. 43 Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара.
Ӏийсас юха а шен вала везарх лаьцна дуьйцу
(Маттай 17:22, 23; Марк 9:30-32)
Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира: 44 «Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву». 45 Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьӀна Дала царах лачкъийна дара. Ӏийсага, и хӀун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Маттай 18:1-5; Марк 9:33-37)
46- 9:46 Лака 22:24. Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла. 47 Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна, 48- 9:48 Маттай 10:40; Лака 10:16; Яхьъя 13:20. элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».
Шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву
(Марк 9:38-40)
49 ТӀаккха Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
50 Ӏийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХӀунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»
Ӏийса а, Шамран-махкара юрт а
51 Ша стигала хьалаоьцу волу хан тӀекхача йоьлча, Ӏийсас сацам бира Ярушалайме ваха. 52 Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама. 53 Амма оцу юьртарчу наха Ӏийса тӀе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла+ 9:53 *Ярушалайм-гӀала жуьгтийн коьрта гӀала яра, ткъа шамранхошна а, жуьгташна а вовшийн ца безара.*. 54- 9:54 Сулим 1:9-16. И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».
55 Амма Ӏийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар. 56 ТӀаккха Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.
Ӏийсана тӀаьхьахӀотта ца лиънарш
(Маттай 8:19-22)
57 Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
58 «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас.
59 Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» – аьлла.
Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
60 «Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Ӏийсас.
61- 9:61 Сулим 19:20. Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», – аьлла.
62 Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.
10Ӏийсас кхузткъе шийтта мурд дӀахьажаво
1 Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гӀаланашка а, ярташка а дӀахьовсийра Цо уьш. 2- 10:2 Маттай 9:37, 38. Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий. 3- 10:3 Маттай 10:16. ДӀадуьло! Берзалойн арданга юкъа Ӏахарий санна, дӀадохуьйту Ас шу. 4 Шайца я бохча а, я тӀоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. 5 Шаьш чоьхьадевллачу цӀа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хӀокху хӀусамехь!“ 6 Нагахь санна цу чохь Ӏаш волу хӀусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тӀе юхабоьрзур бу. 7- 10:7 1 Коринтхошка 9:14; 1 Тимапига 5:18. Оцу цӀа чохь Ӏе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хӀунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХӀусамаш ма хийца. 8 Шаьш гӀала а дахана, цигахь тӀеэцахь, шайна елларг яа, 9 цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“ 10- 10:10, 11 Векалийн 13:51. Шаьш тӀе ца эцначу гӀалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала: 11- 10:4-11 Маттай 10:7-14; Марк 6:8-11; Лака 9:3-5. „Шун гӀалахь тхан мачаш тӀе йиллина чан а шуна юха дӀаегайо оха. Амма хаалаш, кху гӀалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“ 12- 10:12 а: Доладалар 19:24-28; Маттай 11:24; б: Маттай 10:15. Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гӀалара нахана атта хир ду оцу гӀалара нахана чул».
Дохкойовлаза йисина гӀаланаш
(Маттай 11:20-24)
13- 10:13 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:26; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Закри-ЯхӀу 9:2-4. «Декъаза ю хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гӀала! Нагахь санна Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а шу долчохь хилла тамашийна хӀуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара. 14 Цундела Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду. 15- 10:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:13-15. Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала,
хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна?
Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю».
16- 10:16 Маттай 10:40; Марк 9:37; Лака 9:48; Яхьъя 13:20. ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».
Кхузткъе шийтта мурд юхаверзар
17 Ӏийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цӀарах оха омра дича».
18 Ӏийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гӀорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. 19- 10:19 Забур 90:13. Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтӀанашна тӀе, лаьхьанашна а, дӀаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагӀчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хӀума дац. 20 Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».
Ӏийсан воккхавер
(Маттай 11:25-27; 13:16, 17)
21 Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Ӏилма долчараххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!
22- 10:22 а: Яхьъя 3:35; б: Яхьъя 10:15. Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КӀант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КӀантана бен а, Да гайта КӀанта хаьржинчу нахана бен а».
23 Юха, мурдашка дӀа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хӀунда аьлча шайн бӀаьргашца хӀара дерриг а го шуна. 24 Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хӀара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
Къинхетам болу шамранхо
25- 10:25-28 Маттай 22:35-40; Марк 12:28-34. Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Ӏеламчу стага Ӏийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хӀун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»
26 «Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»
27- 10:27 а: Карлабаьккхинарг 6:5; б: Ӏамалъяр 19:18. Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“».
28- 10:28 Ӏамалъяр 18:5. «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Ӏийсас, – иштта дан а де ахь, тӀаккха хьо Дела волчохь вехар ву».
29 Амма Ӏеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»
30 Цунна жоп луш Ӏийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогӀуш. Новкъахь цунна тӀе талорхой летта. Некъахочунна тӀера хӀуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дӀабахана уьш. 31 ТӀаьхьо цу новкъа схьавогӀуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Ӏуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агӀор а ваьлла, тӀехваьлла дӀавахана иза. 32 Изза дина цхьана левихочо+ 10:32 *Левихой – *– уьш Исраилан халкъан цхьа тайпа ду. Царна бен пурба ца делла Делан цӀа долчохь динан гӀуллакхаш дан.*, цу стагана тӀе а вахана, цуьнга дӀа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дӀавахана иза. 33- 10:33, 34 2 Шерашкахь 28:15. Юха лазийнарг Ӏуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахетта цунна. 34 Цо, тӀе а вахана, даьттанца а, чагӀарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дӀайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тӀе а хаийна, некъахоша садоӀучу цӀийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Ӏалаш а вина цо. 35 ШолгӀачу дийнахь, ша дӀавоьдуш, хьешан цӀийнан хӀусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХӀокхуьнга хьажалахь, со юхавогӀуш, ас хьан хилла харж меттахӀоттор ю хьуна“.
36 Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»
37 Ӏеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх».
Ӏийсас тӀаккха элира цуьнга: «Вало, иштта де ахь а».
Марта а, Марем а йолчохь хьошалгӀахь
38- 10:38, 39 Яхьъя 11:1. Шайн новкъахула богӀуш, цхьана юьрта кхечира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цӀе йолчу зудчо шен хӀусамехь тӀеийцира уьш. 39 Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара. 40 Ткъа Марта, дуккха а яа хӀума кечъян гӀерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТӀееана, Ӏийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хӀара болх берриг а суна тӀе а тесна, Ӏаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гӀо де алахьа цуьнга», – аьлла.
41 «Маржа яӀ, Марта, – элира Ӏийсас, – хьо дуккха а хӀуманашна гӀайгӀа бан гӀерташ ю, 42 ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дӀадоккхур дац».
11ДоӀа дан Ӏамор
(Маттай 6:9-13; 7:7-11)
1 Цкъа Ӏийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доӀа деш вара. Иза доӀа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Ӏамадехьа доӀа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Ӏамадарра».
2 Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш доӀа дечу хенахь иштта ала:
„Дада!
Хьан цӀе сийлахь хуьлда!
Хьан Олалла тӀекхочийла!
3 ХӀора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.
4 Тхан къиношна гечдехьа,
тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.
Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».
5 Юха Ӏийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагӀа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагӀа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна, 6 со волчу доттагӀа кхаьчна, сан цунна яла хӀумма а яц“. 7 ТӀаккха шун доттагӀчо ала мега: „Со Ӏадда вита, сан неӀ дӀакъевлина ю, со а, бераш а дӀадийшина ду. Сан, хьала а гӀаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“. 8 Ас боху шуьга, нагахь шун доттагӀалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гӀаьттина, шуна иза лур бу. 9 Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна, 10 хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту. 11 Муьлхачу дас лур бу шен кӀантана лаьхьа, цо чӀара боьхуш хилча? 12 Муьлхачу дас лур ю шен кӀантана дӀаьвше гезг, цо хӀоа доьхуш хилча? 13 Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Маттай 12:22-30; Марк 3:20-27)
14 Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера. 15- 11:15 Маттай 9:34; 10:25. Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».
16- 11:16 Маттай 12:38; 16:1; Марк 8:11. Ткъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. 17 Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. 18 Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. 19 Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! 20 Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.
21 Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац. 22 Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.
23- 11:23 Марк 9:40. Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».
Харцжин юхадар
(Маттай 12:43-45)
24 «Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. 25 Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна. 26 ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».
Бакъдолу ирс
27 Ӏийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»
28 Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».
Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Маттай 12:38-42)
29- 11:29 Маттай 16:4; Марк 8:12. Дукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 30- 11:30 Юнус 3:4. Нунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.
31- 11:31 Сулим 10:1-10; 2 Шерашкахь 9:1-12. Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. 32- 11:32 Юнус 3:5. Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
ДегӀана – серло
(Маттай 5:15; 6:22, 23)
33- 11:33 Маттай 5:15; Марк 4:21; Лака 8:16. «Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо. 34 Хьан бӀаьргаш – хьан дегӀан серло ю. Нагахь хьан бӀаьргашна са дика гахь, хьан дегӀ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бӀаьргаш дика бацахь, дегӀ а боданах дуьзна хир ду. 35 Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь. 36 Нагахь хьан дегӀ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».
Ӏийсас парушхошна а, Ӏеламчу нахана а дуьхьал къамел до
(Маттай 23:1-36; Марк 12:38-40)
37 Ӏийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хӀума яа чукхайкхира. ЦӀа чу а ваьлла, хӀума юучу меттехь агӀорвелира Ӏийса. 38 Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча. 39 Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тӀехулара кад-Ӏайг дикка цӀандахь а, бухалара бӀаьрмециг а, къиза а ду шу. 40 Сонтанаш! ТӀехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а? 41 Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.
42- 11:42 Ӏамалъяр 27:30. Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагӀина дӀалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.
43 Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. 44 Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тӀехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».
45 Цхьана Ӏеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла.
46 Ӏийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Ӏелам нах! ХӀунда аьлча дӀа ца бахьлун мохь нахана тӀе буьллу аш, ткъа шаьш пӀелга тӀе пӀелг а ца туху гӀодархьама. 47 Къа ду шун, хӀунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. 48 И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо. 49 Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. 50 ХӀокху тӀаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Ӏанийна долу массо а пайхамаран цӀий хоттур ду: 51- 11:51 а: Доладалар 4:8; б: 2 Шерашкахь 24:20, 21. Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
52 Къа ду шун, Ӏелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цӀийнан догӀа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цӀа чу, я нах а ца бахийтина аш».
53 Ӏийса цигара дӀавахча, Ӏелам нах а, парушхой а, оьгӀаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тӀаьхьабевлира Цунна, 54 муьлххачу даша тӀехь лаьцна а, Иза лаца гӀерташ.
12Шалхаллех ларлолаш
(Маттай 10:26, 27)
1- 12:1 Маттай 16:6; Марк 8:15. Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш. 2- 12:2 Марк 4:22; Лака 8:17. Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 3 Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цӀа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тӀера кхайкхор ду».
Хьанах кхера веза
(Маттай 10:28-31)
4 «Ас боху шуьга, Сан доттагӀий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегӀ хӀаллакдарал сов цуьнга кхин хӀумма а далур дац. 5 Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цӀерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!
6 Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла. 7 Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»
Адамийн КӀант нахана хьалха къобалвар
(Маттай 10:32, 33; 12:32; 10:19, 20)
8 Кхин дӀа а Ӏийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КӀанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву, 9 амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Делан маликашна хьалха.
10- 12:10 Маттай 12:32; Марк 3:29. Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
11- 12:11, 12 Маттай 10:19, 20; Марк 13:11; Лака 21:14, 15. Шаьш гуламан цӀа чу, я хьаькамашна, я Ӏедална тӀе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, 12 Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Ӏамор ду шуна».
Сонтачу хьалдолчу стагах хьекъале хӀума
13 Нахана юкъара цхьана стага элира Ӏийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» – аьлла.
14 «ЛадогӀахьа, Со хьан хӀоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» – хаьттира цуьнга Ӏийсас. 15 Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
16 ТӀаккха Цо цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. 17 „Ас хӀун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“. 18 Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дӀа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хӀума а хоьур ю. 19 ТӀаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даӀа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. 20 Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
21 Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».
Делах тешар
(Маттай 6:25-34)
22 ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде. 23 ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду. 24 ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! 25 Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? 26 Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? 27- 12:27 Сулим 10:4-7; 2 Шерашкахь 9:3-6. Ойла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 28 Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!
29 Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде. 30 Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 31 Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
Стигалахь шун хир долу хьал
(Маттай 6:19-21)
32 «Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла. 33 Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. 34 Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».
Сема ялхой
35- 12:35 Маттай 25:1-13. «Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, 36- 12:36 Марк 13:34-36. зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш. 37 Декъала бу, хӀусамда цӀа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тӀе а дахьаш, царна гӀуллакх дийр ду. 38 Декъала бу, шена гӀуллакх дан кийча а болуш, хӀусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тӀехъяьлча иза цӀа веача а. 39- 12:39, 40 Маттай 24:43, 44. Амма хаалаш, нагахь санна хӀусамдена къу маца вогӀур ву хууш хиллехь, цо шен цӀа чохь къола дойтур дацара. 40 Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
Тешаме а, тешам боцу а ялхо
(Маттай 24:45-51)
41 ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла.
42 Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. 43 Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча. 44 Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву. 45 Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву. 46 Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду.
47 Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю, 48 ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».
Ӏийса а, декъадалар а
(Маттай 10:34-36)
49 КхидӀа а Ӏийсас бохура: «Со дуьнен чу цӀе таса веана, хӀинцале и цӀе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна! 50- 12:50 Марк 10:38. Амма баланийн хӀордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна! 51 Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХӀан-хӀа! – боху Ас шуьга, – Декъадалар дахьаш веана!“ 52 ХӀинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву. 53- 12:53 Мика-ЯхӀу 7:6. Да – кӀантана дуьхьал, кӀант дена дуьхьал, нана йоӀана дуьхьал, йоӀ – нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю».
Заманан билгалонаш къастор
(Маттай 16:2, 3)
54 Юха Ӏийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догӀа догӀур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу. 55 Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу. 56 Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»
Довхочуьнца кхел ян вахар
(Маттай 5:25, 26)
57 «Шайна гӀолехь долчун ойла хӀунда ца йо аш? 58 Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хӀунда аьлча цо шу кхелахочунна тӀе далор ду, кхелахочо гӀароле дӀалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. 59 Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».
13Дохко а довлий, Далла тӀе дерза, шайна хӀаллакьхила ца лаахь
1 Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера. 2 Ӏийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна? 3 ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду. 4 Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара? 5 ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».
Стом ца лато дитт
6 Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дӀадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тӀехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна. 7 ТӀаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагӀа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тӀе. Охьа а тохий, дӀадаккха хӀара, кхуьнга эрна меттиг дӀа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла. 8 Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХӀусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хӀара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара. 9 ХӀун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тӀе? Ткъа ца латадахь, и дитт дӀадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла».
Шоьтан дийнахь зуда тояр
10 Цхьана гуламан цӀа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Ӏийса. 11 Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш. 12 И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», – аьлла. 13 Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.
14- 13:14 Арадаккхар 20:9, 10; Карлабаьккхинарг 5:13, 14. И дерриг гина, гуламан цӀийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Ӏийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догӀуш», – аьлла.
15 Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш? 16 БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» – аьлла. 17 Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Ӏийсас и тамашийна гӀуллакхаш дарх.
ХӀух а, морзанах а лаьцна хьекъале дустарш
(Маттай 13:31, 32; Марк 4:30-32)
18 Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза? 19 Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».
20 Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла? 21 Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
Готта неӀ
(Маттай 7:13, 14, 21-23)
22 ГӀаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Ӏийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо. 23 Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кӀезиг бу теша кӀелхьарбовлуш берш?»
Ӏийсас элира гулбеллачаьрга: 24 «Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац. 25 ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“. 26 ТӀаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, – аьлла. 27- 13:27 Забур 6:9. Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“ 28- 13:28 Маттай 22:13; 25:30. - 13:28, 29 Маттай 8:11, 12. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду. 29 Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дӀалоцур ю. 30- 13:30 Маттай 19:30; 20:16; Марк 10:31. Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».
Ярушалайм бахьана долуш гӀайгӀане хилар
(Маттай 23:37-39)
31 Оцу хенахь Ӏийсана тӀевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дӀаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо – ХӀарод ву Хьо вен гӀерташ», – аьлла.
32 Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“. 33 Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.
34 Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. 35- 13:35 Забур 117:26. ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
14Чкъура кӀел хи хӀоьттина стаг туовар
1 Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга. 2 Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кӀел хи а хӀоьттина, оцу цамгарх чӀогӀа бала хьоьгуш вара. 3 ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»
4 Уьш бист ца хилира. Ӏийсас, цунах куьг а Ӏоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дӀавахийтира. 5- 14:5 Маттай 12:11. Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
6 Церан Кхуьнга ала хӀумма а дацара.
Хьешашна а, хӀусамдена а дина хьехар
7 Ӏийсас тидам бира хьошалгӀа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дӀалаца гӀертар. Цо тӀаккха царна цхьа хьекъале хӀума дийцира: 8- 14:8-10 Кицанаш 25:6, 7. «Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гӀерта, хӀунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига. 9 ТӀаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хӀусамдас, тӀе а веана, хьоьга эр ду: „ХӀокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, уггар йистера меттиг дӀалаца езар ю хьан. 10 Хьо хьошалгӀа кхайкхинчу хӀусамехь неӀарера меттиг дӀалаца, хӀусамдега, хьайна тӀе а веана, алийта: „ДоттагӀа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТӀаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу, 11- 14:11 Маттай 23:12; Лака 18:14. хӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
12 Цул тӀаьхьа Ша кхайкхинчу хӀусамдега Ӏийсас элира: «Айхьа нах хӀума яа чукхойкхуш, хьайн доттагӀий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хӀунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а. 13 Айхьа шун хӀоттош, къенаш, заьӀапнаш, астагӀнаш, бӀаьрзенаш кхайкха. 14 Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».
Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 22:1-10)
15 И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»
16 ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. 17 Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла. 18 Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“. 19 ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, – аьлла. 20 КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, – аьлла. 21 Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“. 22 Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“. 23 ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта. 24 Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».
Ӏийсан мурд хиларан мах
(Маттай 10:37, 38)
25 Ӏийсаца йогӀуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: 26- 14:26 Маттай 10:37. «Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. 27- 14:27 Маттай 10:38; 16:24; Марк 8:34; Лака 9:23. Шен баланийн мохь+ 14:27 *Баланийн мохь *– бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: *жӀаран бӀогӀам.* схьаэца реза а воцуш, Суна тӀаьхьавогӀург Сан мурд хила йиш йолуш вац. 28 Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа? 29 Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах. 30 Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш. 31 Я, масала, цхьа паччахь ву тӀом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тӀевогӀучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла. 32 Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагӀа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш. 33 Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.
34 Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра? 35 Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дӀакхоссан бен. Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
15Байначу уьстагӀах лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 18:12-14)
1- 15:1, 2 Лака 5:29, 30. Ӏийсага ладогӀа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тӀеоьхура. 2 Парушхой а, Ӏелам нах а резабоцуш, гӀовгӀа еш бара: «ХӀокху стага къинош летийна адамаш тӀе а оьцу, цаьрца хӀума а йоу», – бохуш. 3 ТӀаккха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.
4 «Мила ву шух, шайн бӀе уьстагӀ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? 5 Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тӀе а биллина, цӀа бахьар бу. 6 ДоттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагӀ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагӀ карийна!“ 7 Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».
Дайначу ахчанах лаьцна хьекъале дустар
8 «Масала, цхьана зудчун драхма цӀе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц. 9 Ткъа иза карийча, доттагӀий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“ 10 Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».
Байначу кӀентех лаьцна хьекъале дийцар
11 Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла. 12 Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам. 13 Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо. 14 Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна. 15 ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка. 16 Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла. 17 Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! 18 ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! 19 ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“. 20 Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза.
КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. 21 Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“. 22 Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха. 23 Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай. 24 ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.
25 Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира. 26 Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“ 27 Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“. 28 Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга. 29 Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта. 30 Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“. 31 Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду. 32 ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».
16Тешаме воцучу урхалхочух лаьцна хьекъале дийцар
1 Шен мурдашна Ӏийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дӀабоккхуш бу аьлла. 2 Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла. 3 ТӀаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хӀун дан деза? ХӀусамдас со балхара дӀавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагӀа деха эхь хета. 4 ХӀа! Суна хаьа хӀун дан деза, кхузара дӀаваьккхича кхечу меттехь со тӀеэцийта“. 5 Цхьацца кхойкхуш, шен хӀусамден декхархой тӀекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хӀусамдена?“ 6 Вукхо жоп делла: „БӀе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХӀара хьайн декхар тӀеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дӀаязде: шовзткъе итт“. 7 Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хӀусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кӀа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дӀаязде: бархӀ бӀе гали“. 8 ХӀусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хӀокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гӀуллакх догӀуш.
9 Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагӀий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цӀа чохь тӀеоьцур ду шу. 10 КӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме верг доккхачунна тӀехь а тешаме ву, ткъа кӀезигчунна тӀехь тешаме воцург доккхачунна тӀехь а вац. 11 Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? 12 Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна?
13- 16:13 Маттай 6:24. Шина хӀусамдена гӀуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
Товрат а, Делан Олалла а
(Маттай 11:12, 13; 5:31, 32; Марк 10:11, 12)
14 Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара. 15 Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.
16- 16:16 Маттай 11:12, 13. Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. 17- 16:17 Маттай 5:18. Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дӀакъовладала, товрат-хьехамаш тӀера цхьа сиз дӀадовчул.
18- 16:18 Маттай 5:32; 1 Коринтхошка 7:10, 11. ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву».
Хьолахо а, ЛаӀзар а
19 Юха Ӏийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тӀе а духий, хӀора дийнахь той а хӀоттадой, сакъоьруш хилла цо. 20 Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Ӏуьллуш, ЛаӀзар цӀе йолуш сагӀадоьхург хилла, дерриг дегӀ дӀалаьцна даьӀнаш а долуш. 21 Хьолахочун стоьла тӀера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хӀума яа лууш хилла цунна. ЖӀаьлеша, тӀе а догӀий, цуьнан даьӀнашна тӀе мотт хьоькхуш хилла. 22 Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина. 23 Жоьжахатин цӀергахь Ӏазапехь воллуш, дӀахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахӀим а, цунна уллохь ЛаӀзар а гина. 24 Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахӀим! Къинхетам бехьа сох. ЛаӀзар ваийтахьа, шен пӀелг хи чу а Ӏоьттина, сан мотт шелбайта, хӀокху цӀергахь чӀогӀа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. 25 Амма ИбрахӀима аьлла: „Сан кӀант! Дагадаийта, хьо муха Ӏаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаӀзарна – дерриг вониг. ХӀинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. 26 Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чӀогӀа кӀорга Ӏин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тӀеван лиъча а, иза дӀавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. 27 ТӀаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаӀзар вахийтахьа сан ден хӀусаме, 28 сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дӀахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хӀара Ӏазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. 29 ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогӀа дезаш ма бу уьш!“ 30 Хьолахочо жоп делла: „ХӀан-хӀа, дада ИбрахӀим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тӀевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тӀебоьрзур бара уьш“. 31 ТӀаккха ИбрахӀима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догӀахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».
17Къа латадайтарх, гечдарх, тешамах, декхарх лаьцна
(Маттай 18:6, 7, 21, 22; Марк 9:42)
1 Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. 2 Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана. 3- 17:3 Маттай 18:15. Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. 4 Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна».
5 ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», – аьлла.
6 Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.
7 Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“? 8 Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха – айхьа а яа а яа, мала а мала“. 9 Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш? 10 Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац – оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“».
Чкъуран цамгар йолу итт стаг туовар
11 Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса. 12 Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина, 13 маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
14- 17:14 Ӏамалъяр 14:1-32. Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла.
Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира. 15 Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. 16 Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара. 17 ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву? 18 Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?» 19 ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».
Делан олалла тӀекхачар
(Маттай 24:23-28, 37-41)
20 Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» – аьлла.
Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла. 21 Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду».
22 ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац. 23 Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда. 24 Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь. 25 Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза. 26- 17:26 Доладалар 6:5-8. Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а. 27- 17:27 Доладалар 7:6-24. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира. 28- 17:28, 29 Доладалар 18:20–19:25. Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора. 29 Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира. 30 Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а.
31- 17:31 Маттай 24:17, 18; Марк 13:15, 16. Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза. 32- 17:32 Доладалар 19:26. Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг. 33- 17:33 Маттай 10:39; 16:25; Марк 8:35; Лака 9:24; Яхьъя 12:25. Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду. 34 Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 35 КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю»+ 17:35 *Цхьадолчу тептарш тӀехь – Маттай 24:40 – кхузахь, 36-гӀа аят санна, тӀетоьхна ду: *Шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.*.
37 «Мичахь хир ду иза, Эла?» – аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша.
Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю».
18Йисина Ӏачу зудчух а, кхелахочух а лаьцна хьекъале дийцар
1 Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира: 2 «Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла. 3 Оццу гӀалахь ехаш йисина Ӏаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тӀе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тӀе кхачаехьа со“, – бохуш. 4 Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а, 5 оцу зудчунна гӀо дан деза ас, хӀора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла».
6 Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. 7 Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? 8 Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КӀант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?»
Парушхочух а, ял гулъешволчух а лаьцна хьекъале дийцар
9 Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира Ӏийсас: 10 «Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. 11 Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. 12 КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, – бохуш. 13 Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. 14- 18:14 Маттай 23:12; Лака 14:11. Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Ӏийсас бераш декъалдо
(Маттай 19:13-15; Марк 10:13-16)
15 Ӏийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тӀехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. 16 Амма Ӏийсас, бераш Шена тӀе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу. 17 Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
Хьалдолу хьаькам
(Маттай 19:16-30; Марк 10:17-31)
18 Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?»
19 «Сох „дика“ хӀунда олу ахь? – хаьттира Ӏийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 20- 18:20 а: Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; б: Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; ц: Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; д: Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20; э: Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16. Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?»
21 «Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», – аьлла хьаькамо.
22 И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта». 23 Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара.
24 Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25 Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
26 И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?»
27 Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».
28 ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш».
29 Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна 30 хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
Ӏийсас кхозлагӀа Шен кхалхарх а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 20:17-19; Марк 10:32-34)
31 Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Вай хӀинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КӀантах пайхамарша дӀаяздинарг. 32 Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дӀалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тӀе шеташ етташ хир бу. 33 Цара Цунна шед еттар ю, тӀаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
34 Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьӀна царна къевлина дара.
Ерихон-гӀали уллохь бӀаьрзе сагӀадоьхург туовар
(Маттай 20:29-34; Марк 10:46-52)
35 Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг. 36 Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» – аьлла.
37 Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», – аьлла.
38 ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: « Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла.
39 Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
40 Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга: 41 «Соьгара хӀун оьшу хьуна?» – аьлла.
БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла.
42 Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».
43 Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.
19Ӏийса а, Закай а
1 Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара. 2 Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра. 3 Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза. 4 Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара. 5 Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».
6 Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь. 7 И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».
8 Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»
9 Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву. 10- 19:10 Маттай 18:11. Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».
Итт дашо ахчанах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 25:14-30)
11 ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду. 12 Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама. 13 Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“. 14 Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.
15 Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо. 16 Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла. 17 ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“. 18 ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“. 19 „Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо. 20 Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла. 22 Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а. 23 Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла. 24 ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла. 25 Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла. 26- 19:26 Маттай 13:12; Марк 4:25; Лака 8:18. Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 27- 19:11-27 Маттай 25:14-30. Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Яхьъя 12:12-19)
28 Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса. 29 Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина: 30 «Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае. 31 Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара“, – эр ду аш».
32 ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а. 33 Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» – аьлла.
34 Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», – аьлла. 35 Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра. 36 Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.
37 Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш: 38- 19:38 Забур 117:26. «Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.
39 Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла.
40 Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».
Ӏийсан Ярушалаймах болу тийжам
41 Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира. 42 Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех. 43 Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш. 44 ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Маттай 21:12-17; Марк 11:15-19; Яхьъя 2:13-22)
45 Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса. 46- 19:46 ЕшаӀ-ЯхӀу 56:7; Ярми-ЯхӀу 7:11. «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».
47- 19:47 Лака 21:37. Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара. 48 Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.
20Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Маттай 21:23-27; Марк 11:27-33)
1 ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а. 2 «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.
3 Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар: 4 Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»
5 ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 6 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх». 7 Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.
8 Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 21:33-46; Марк 12:1-12)
9- 20:9 ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1. Юха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза. 10 Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна. 11 ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а. 12 Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а. 13 ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“ 14 Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 15 Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза.
Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас? 16 Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш».
ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»
17- 20:17 Забур 117:22. Ӏийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш:
„ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?
18 Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».
19 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Маттай 22:15-22; Марк 12:13-17)
20 Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш. 21 Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг. 22 Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»
23 Церан мекарло гуш, Ӏийсас элира: 24 «Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»
«Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара.
25 ТӀаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
26 Нахана хьалха цхьана а хӀуманна тӀехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дӀасевцира мотт беттарш.
Денваларх лаьцна
(Маттай 22:23-33; Марк 12:18-27)
27- 20:27 Векалийн 23:8. Ӏийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга: 28- 20:28 Карлабаьккхинарг 25:5. «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто. 29 ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 30 Иштта хилла шолгӀачу вешина а. 31 КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш. 32 Эххар и зуда а елла. 33 Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»
34 Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху. 35 ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. 36 Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. 37- 20:37 Арадаккхар 3:6. Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла. 38 Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»
39 И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла. 40 Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Марк 12:35-37)
41 Юха Ӏийсас хаьттира: « Дала леррина Къобалвинарг Даудан КӀант ву хӀунда олу? 42- 20:42, 43 Забур 109:1. Дауда забура тӀехь ша ма-аллара:
„Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:
Суна аьтту агӀор охьахаа,
43 Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
44 Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»
Ӏеламчу нахах ларвалар
(Маттай 23:1-36; Марк 12:38-40)
45 Массо а Ӏийсага ладугӀуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира: 46 «Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна. 47 Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таӀзар хир ду».
21Йисина Ӏачу зудчун сагӀа
(Марк 12:41-44)
1 Ӏийсана гира хьалдолчу наха Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина чу сагӀина хӀума луш. 2 Цхьа йисина Ӏаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цӀестан ахча охьадиллира. 3 «Бакъдерг боху шуьга, – элира Ӏийсас, – хӀокху йисина Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду. 4 Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хӀумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».
Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:1, 2; Марк 13:1, 2)
5 Цхьаболчу Ӏийсан мурдаша тидам бира Делан цӀа дезачу мехалчу тӀулгех а, Далла деанчу совгӀатех а кечдина хилар. Амма Ӏийсас элира: 6 «Цхьа хан йогӀур ю, хӀара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Марк 13:3-13)
7 Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?»
8 Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш. 9 ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц».
10 Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. 11 МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. 12 Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу. 13 ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14- 21:14, 15 Лака 12:11, 12. Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15 Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16 Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17 Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу. 18 Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц. 19 Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».
Ярушалайм йохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:15-21; Марк 13:14-19)
20 «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. 21 ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза, 22- 21:22 ХӀушаӀ 9:7. хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. 23 Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана. 24 Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».
Адамийн КӀант схьавар
(Маттай 24:29-31; Марк 13:24-27)
25- 21:25 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Яхьазкхиал 32:7; Юал 2:31; Довзийтинарг 6:12, 13. «Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. 26 Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. 27- 21:27 Даниал 7:13; Довзийтинарг 1:7. ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“. 28 И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Маттай 24:32-35; Марк 13:28-31)
29 Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. 30 Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 31 Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
32 Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 33 Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Дийший ма Ӏахка
34 «Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу, 35 цӀеххьана цхьаъ лаца йинчу кӀелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тӀекхочур ду и де. 36 Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».
37- 21:37 Лака 19:47. Дийнахь Ӏийсас Делан цӀа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тӀе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. 38 Ӏуьйранна хьалххе Цуьнга ладогӀа адамаш догӀура Делан цӀа лаьттачу керта.
22Ӏийса вен бина болу барт
(Маттай 26:1-5; Марк 14:1, 2; Яхьъя 11:45-53)
1- 22:1 Арадаккхар 12:1-27. Шех « Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тӀекхочуш. 2 Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура. 3 ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара. 4 Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира. 5 Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. 6 ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.
Ӏийсас Шен мурдашца Пасахьан пхьор даа кечам бар
(Маттай 26:17-25; Марк 14:12-21; Яхьъя 13:21-30)
7 Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара – яа хӀума кечъян. 8 Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла.
9 «Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара.
10 Цо элира: «ГӀала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогӀу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тӀаьххье иза вахханчу цӀа чу гӀо. 11 ХӀусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 12 Цо шуна лакха тӀехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш».
13 Цара, дӀа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира.
Везачу Элан пхьор
(Маттай 26:26-30; Марк 14:22-26; 1 Коринтхошка 11:23-25)
14 Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. 15 Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна. 16 Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».
17 Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара. 18 Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».
19 Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». 20- 22:20 Ярми-ЯхӀу 31:31-34. Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
21- 22:21 Забур 40:10. Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тӀехь. 22 Адамийн КӀантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг».
23 ТӀаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Ӏийсана ямарта верг мила ву бохуш.
Коьртаниг мила ву аьлла, дина къамел
24- 22:24 Маттай 18:1; Марк 9:34; Лака 9:46. Цул тӀаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла. 25 Ӏийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тӀехь олалла до, Ӏедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета, 26- 22:26 Маттай 23:11; Марк 9:35. - 22:25, 26 Маттай 20:25-27; Марк 10:42-44. амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. 27- 22:27 Яхьъя 13:12-15. Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.
28 Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла, 29 Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. 30- 22:30 Маттай 19:28. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».
Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар
(Маттай 26:31-35; Марк 14:27-31; Яхьъя 13:36-38)
31 Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду, 32 амма хьох Ас доӀа дина, хьан Делах тешар лагӀ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тӀе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чӀагӀделахь».
33 Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» – аьлла.
34 Амма Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Ӏуьйранна нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».
Бохча а, тӀоьрмаг а, тур а
35- 22:35 Маттай 10:9, 10; Марк 6:8, 9; Лака 9:3; 10:4. Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?»
«Ца оьшура», – элира цара.
36 «ХӀинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тӀоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца. 37- 22:37 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:12. Яздина ду: „Иза зуламхойх дӀатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хӀинца кхочушхуьлуш ду».
38 Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», – аьлла.
«Тоьар ду цунах лаьцна», – жоп делира Ӏийсас.
Ӏийсас Зайт-диттийн лам тӀехь доӀа дар
(Маттай 26:36-46; Марк 14:32-42)
39 Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. 40 Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
41 Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира: 42 «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 43 Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан. 44 Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура.
45 ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш. 46 «Шу дийшина хӀунда Ӏохку? – хаьттира Ӏийсас – ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а
(Маттай 26:47-56; Марк 14:43-50; Яхьъя 18:3-11)
47 Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара – Цунна барт баккха. 48 Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»
49 Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла. 50 Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.
51 Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.
52 Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! 53- 22:53 Лака 19:47; 21:37. ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:57, 58, 69-75; Марк 14:53, 54, 66-72; Яхьъя 18:12-18, 25-27)
54 Цара Ӏийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цӀа чу вигира. Кипа, царна гено тӀаьхьа а хӀоьттина, вахара. 55 Гулбелларш, кертахь цӀе а латийна, бохлуш хевшина Ӏаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Ӏаш. 56 Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца».
57 Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза».
58 Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ».
«ХӀан-хӀа, вац», – жоп делира Кипас.
59 Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву».
60 Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла.
Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира. 61 Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь». 62 Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
ТӀемалоша Ӏийсана ницкъбар
(Маттай 26:67, 68; Марк 14:65)
63 Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. 64 Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» 65 Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.
Кхеташонехь барт хаттар
(Маттай 26:59-66; Марк 14:55-64; Яхьъя 18:19-24)
66 Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса. 67 «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара.
Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. 68 Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. 69 Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву».
70 Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?»
Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву».
71 ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»
23Ӏийса Пулат волчу валаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Яхьъя 18:28-38)
1 Цул тӀаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гӀаьттина, Ӏийса а эцна, Пулатана тӀе бахара. 2 Цигахь Иза бехке ван хӀиттира уьш: «Тхуна хӀара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду».
3 Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»
Ӏийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».
4 ТӀаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дӀахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан».
5 Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».
Ӏийса ХӀародана хьалха
6 И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХӀара стаг галилайхо ву?» – аьлла. 7 Ткъа шена Ӏийса ХӀародан куьйга кӀел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХӀародана тӀе хьажийра. 8 Ӏийса гича, чӀогӀа самукъаделира ХӀародан, хӀунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Ӏийсах лаьцна дукха хӀуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза. 9 Цо Ӏийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира. 10 Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Ӏийса бехке веш. 11 ХӀарода а, цуьнан тӀемалоша а, бела а бийлина, доггах Ӏийса сийсаз а вина, Цунна тӀе дезачу, лепачу кӀадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дӀахьажийра. 12 ХӀинццалц схьа ши мостагӀа хилла волу Пулат а, ХӀарод а цу дийнахь ши доттагӀа хилира.
Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-26; Марк 15:6-15; Яхьъя 18:39–19:16)
13 Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, 14 элира: «ХӀара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тӀе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тӀедожийнарг суна гучу ца дели. 15 ХӀародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хӀумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хӀумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. 16 Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза»+ 23:16 *Цхьадолчу тептаршна тӀетоьхна ду Маркан тептар тӀера (15:6) 17-гӀа аят: *ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ арахеца везаш вара Пулат.*.
18 Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. 19 (ГӀалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.)
20 Пулата, Ӏийса дӀахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. 21 Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
22 Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»
23 Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. 24 Цо сацам бира церан лаам кхочушбан. 25 Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дӀа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо.
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Марк 15:21-32; Яхьъя 19:17-27)
26 Ӏийса дӀавуьгучу хенахь тӀемалоша шен кха тӀера вогӀу Къуринара ШамӀа цӀе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖӀаран бӀогӀам цуьнга ги а боллийтина, Ӏийсана тӀаьххье дӀабахьийтира цара.
27 Ӏийсана тӀаьхьа дукха адам догӀура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. 28 Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоӀарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. 29 Цхьа хан йогӀур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. 30- 23:30 ХӀушаӀ 10:8; Довзийтинарг 6:16. ТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“ гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“ 31 ТӀе гӀа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хӀун хир ду?»
32 Ӏийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара. 33 «Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира. 34- 23:34 Забур 21:19. Ӏийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хӀун деш ду ца хаьа-кх кхарна».
ТӀемалоша, кхаж а тосуш, Ӏийсан тӀеюху хӀуманаш йийкъира. 35- 23:35 Забур 21:8. Нах, дӀа а хӀиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кӀелхьарбохура Цо! ХӀинца Ша кӀелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!»
36- 23:36 Забур 68:22. ТӀемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Ӏийсага кемсийн къонза кховдийра: 37 «Хьо кӀелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла.
38 Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла.
39 ЖӀарах дӀатоьхначу цхьана талорхочо Ӏийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кӀелхьардаха!»
40 ШолгӀачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таӀзар дац хьуна динарг а? 41 Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац». 42 Цо элира Ӏийсага: «Ӏийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш».
43 ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо».
Ӏийса кхалхар
(Маттай 27:45-56; Марк 15:33-41; Яхьъя 19:28-30)
44 Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира. 45- 23:45 Арадаккхар 26:31-33. Малх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира. 46- 23:46 Забур 30:6. Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дӀало Ас!» Иза а аьлла, Ӏийса кхелхира.
47 Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»
48 Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чӀогӀа халахеташ, гӀайгӀанца некха тӀе куьйгаш а детташ, юхабирзира. 49- 23:49 Лака 8:2, 3. Амма Ӏийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тӀаьхьа баьхкина зударий а тӀехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
Ӏийса дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Яхьъя 19:38-42)
50 Юсуп цӀе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара. 51 Цо Ӏийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхӀуд-махкахь йолчу Рамат цӀе йолчу гӀалара вара иза. Делан Олалла тӀекхачаре сатуьйсура цо. 52 Пулат волчу а веана, Ӏийсан дакъа схьадийхира Юсупа. 53 Цо дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. 54 Иза пӀераскан де дара – Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тӀейогӀуш яра.
55 Галилайра дуьйна Ӏийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тӀаьхьа. Ӏийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. 56- 23:56 Арадаккхар 20:10; Карлабаьккхинарг 5:14. Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.
24Ӏийса веллачуьра денвалар
(Маттай 28:1-10; Марк 16:1-8; Яхьъя 20:1-10)
1 Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. 2 Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна. 3 Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра. 4 Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. 5 Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш? 6- 24:6, 7 Маттай 16:21; 17:22, 23; 20:18, 19; Марк 8:31; 9:31; 10:33, 34; Лака 9:22; 18:31-33. Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: 7 „ Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».
8 ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш. 9 Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. 10 Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. 11 Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. 12 Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.
Ӏаммас-эвла боьдучу новкъахь.
(Марк 16:12, 13)
13 Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш. 14 Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура. 15 Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира. 16 Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира. 17 Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?»
Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина. 18 Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?»
19 «Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас.
«Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И. 20 Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза. 21 Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла. 22 Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, 23 Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. 24 Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира».
25 ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! 26 Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» 27 Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас.
28 Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра. 29 Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара. 30 ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира. 31 Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира. 32 Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш.
33 Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. 34 Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!»
35 Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.
Денвелла Ӏийса мурдаш болчу вар
(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
36 Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча.
37 Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш. 38 Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу? 39 Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».
40 Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. 41 Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?» 42 Цара беттина чӀара белира Цунна. 43 Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.
44 «ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
45 Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. 46 Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. 47 Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла. 48 Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду. 49- 24:49 Векалийн 1:4. Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».
Ӏийса стигала хьалаваккхар
(Марк 16:19, 20; Векалийн 1:9-11)
50- 24:50, 51 Векалийн 1:9-11. Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. 51 Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. 52 Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. 53 Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш.