Далла
Ӏамалъяр
Дешхьалхе
Ӏамалъяр цӀе йолчу тептар тӀехь Исраилан халкъана юкъахь лелош долу Далла Ӏамалъяран а, динан гуламийн а парзаш ду. Динан дайша жоп луш хилла и тӀедехкина парзаш нахана юкъахь кхочушдеш хилийтарх. Царна оцу тептар тӀехь хьехамаш а бу.
Тептаран коьрта ойланаш ю: Дела Веза хилар а, наха Далла Ӏибадат муха дан деза а, церан дахар муха хила деза а, «Исраилан халкъан Везачу Делаца» йолу шайн юкъаметтиг лелорхьама.
Тептаран уггар шуьйра девзаш долу дешнаш 19:18 тӀехь ду: «Хьо санна веза хьайна уллораниг а». И дешнаш Ӏийсас шолгӀа сийлахь тӀедиллинарг лоруш дара.
1Дийнаташ дагоран сагӀанаш
1 Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа. 3 Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. 4 Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама. 5 Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш. 6 Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. 7 АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза. 8 АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. 9 Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
10 Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних – уьстагӀех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза. 11 Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор. 12 Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза. 13 Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
14 Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза. 15 Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь. 16 Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. 17 Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».
2КӀен сагӀа
1 «Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо. 2 И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 3 КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
4 Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза.
5 Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. 6 Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду.
7 Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза. 8 Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа. 9 Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю. 10 КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
11 Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун. 12 Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац. 13 Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да. 14 Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. 15 Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду. 16 Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду».
3Бертан сагӀанаш
1 «Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. 2 Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза. 3 Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, 4 ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5 АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
6 Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. 7 Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза. 8 Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза. 9 Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь, 10 ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 11 Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.
12 Нагахь стага сагӀина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто еза. 13 Цунна тӀе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхӀаронан кӀенташа газанан цӀий сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе тоха деза. 14 Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, 15 ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 16 Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и.
Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. 17 Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».
4Ларамаза латийначу къинна доху сагӀанаш
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тӀедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хӀара ду:
3 ‘Нагахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгӀа ялае Везачу Элана сагӀина лерина. 4 Гуламан четаран неӀарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хӀотто еза и старгӀа. Динан дас, старгӀин коьрта тӀе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. 5 Юха Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четар чу дахьа деза. 6 Шен пӀелг цӀий чу а Ӏоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхӀазза цӀий пӀелга тӀера дӀатоха деза цо. 7 Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 8 Къинах долчу сагӀина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагӀанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тӀехь яго еза уьш динан дас. 11 Стеран неӀ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а 12 меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте а яьхьна, чим дӀакхуссучохь, дечиган цӀера тӀехь яго еза. Чим дӀакхуссучохь яго еза уьш.
13 Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. 14 Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тӀера къинан сагӀина къона старгӀа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дӀахӀотто еза иза. 15 Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тӀе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. 16 Везачу Элана лерина гӀуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цӀий гуламан четарна чу дахьа деза. 17 Шен пӀелг стеран цӀий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхӀазза цинцаш дӀатоха деза динан дас. 18 Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчан маӀех цӀий хьакха деза цо, ткъа дисна цӀий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тӀехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тӀе охьадотта деза. 19 Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тӀехь яго еза. 20 Къинах долчу сагӀина йийначу старгӀица диннарг дан деза кху старгӀица а. Иштта динан дас царна тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала царна гечдийр ду. 21 СтаргӀа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагӀа ду.
22 Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тӀедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 23 Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. 24 Божан коьрта тӀе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагӀина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагӀа ду. 25 Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна долу бежанан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 26 Ерриг а мохь кхерча тӀехь яго еза, бертан сагӀа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.
27- 4:27-31 Лелар 15:27, 28. Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тӀедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 28 Ша къа латийнийла хиъча, сагӀина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. 29 Газанан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь. 30 Динан дас шен пӀелгаца, схьа а эцна, цуьнан цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисина цӀий цу кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 31 Бертан сагӀа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тӀехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тӀера къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду.
32 Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагӀина Ӏахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза. 33 Цуьнан коьрта тӀе куьг а диллина, къинах долчу сагӀина лерина цунна урс хьакха деза дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь. 34 Динан дас шен пӀелгаца схьаэцна цу Ӏахаран цӀий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маӀех, ткъа дисна цӀий кхерчан буха тӀе охьадотта деза цо. 35 Ӏахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагӀа доккхуш бийначу Ӏахаран санна. Динан дас кхерча тӀехь, кхидолчу дохучу сагӀанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагӀина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цунна гечдийр ду’“».
5ХӀун къинош латийча даккха деза сагӀа?
1 «Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.
2 Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.
3 Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.
4 Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу.
5 Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна. 6 Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду.
7 Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна. 8 И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац. 9 Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду. 10 ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.
11 Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду. 12 Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна. 13 Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагӀа даьккхича дисина дама динан дена догӀуш ду, кӀен сагӀа а хилла».
ГӀуда такхаран сагӀанаш
14 Везачу Эло Мусага элира: 15 «Нагахь санна стага, Везачу Элана догӀуш дерг дӀа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тӀера. Коьман мах дато шекхал ахча хӀотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гӀуда такхаран сагӀина лерина. 16 Цо ша хӀинццалц ца делларг дӀадала деза. ДӀадала дезачунна тӀе пхоьалгӀа дакъа а тоьхна, иза динан дега дӀадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. Цо гӀуда такхаран сагӀа а лерина, ка схьаоьцур бу, тӀаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.
17 Нагахь санна стага Везачу Эло тӀедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. 18 Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна. 19 Везачу Элана дуьхьал даьллачу хӀуманна а стаг бехке ву, цундела цо гӀуда такхаран сагӀа даккха деза».
61- 6:1-7 Лелар 5:5-8. Везачу Эло Мусага элира: 2 «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. 3 Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош. 4 Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, 5 я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза. 6 Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо. 7 Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
Дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедиллинарг
8 Везачу Эло Мусага элира: 9 «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю. 10 Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо. 11 Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо. 12 Кхерча тӀера цӀе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХӀора Ӏуьйранна динан дас кхерча тӀе дечиг тилла деза, цу тӀе дийнаташ дагоран сагӀа а дилла деза, иштта бертан сагӀанах йолу мохь цу тӀехь яго а еза. 13 ЦӀе кхерча тӀехь гуттар а яга езаш ю, дӀа а ца йовш».
КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг
14 «КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. 15 КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 16 КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа. 17 Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза. 18 АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».
19 Везачу Эло Мусага элира: 20 «АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа иштта хила деза: бархӀ кад тоьлла кӀен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кӀен сагӀина лерина, царах ах – Ӏуьйранна, важа ах – суьйранна. 21 Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегӀи тӀехь кечдан деза. ТӀаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кӀен сагӀа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 22 АхӀаронан кӀентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагӀа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тӀедуьллуш долу парз ду. КӀен сагӀа дерриг а даго дезаш ду. 23 Динан дегара долу муьлхха а кӀен сагӀа даго деза, иза даа мегар дац».
Къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
24 Везачу Эло Мусага элира: 25 «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 26 Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. 27 Цу сагӀин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цӀий тӀе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цӀанъян еза уьш. 28 Кхийрачу пхьегӀи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегӀа йохо еза. ЦӀестан пхьегӀи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегӀа цӀан а йина, йила еза. 29 Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагӀа. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 30 Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».
7ГӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
1 «ХӀара ду гӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 2 Дийнаташ дагоран сагӀина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гӀуда такхаран сагӀина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цӀий тоха деза сагӀа доккхучу кхерчана тӀе массо а агӀор. 3 Дийнатан ерриг а мохь сагӀина яккха еза: дума а, чухулара мохь а, 4 ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5 Динан дас кхерча тӀехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гӀуда такхаран сагӀа ду. 6 Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагӀа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧӀогӀа деза сагӀа ду иза.
7 Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а лаьцна тӀедиллинарг цхьаъ ду: цу сагӀанца стага летийна къинош дӀадохуш волчу динан дена дӀалуш ду иза. 8 Цхьаммо дийнаташ дагоран сагӀа даьккхича, дийнатан неӀ я цӀока и сагӀа даккхар дӀахьош волчу динан дена дуьсу. 9 Я пешахь, я ялгӀу тӀехь, я кхийрачу пхьегӀи тӀехь мел деттина кӀен сагӀа иза дӀахьочу динан дена дуьсу. 10 Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кӀен сагӀа АхӀаронан кӀенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».
Бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг
11 «Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг хӀара ду. 12 Цхьаммо и сагӀа баркаллин сагӀа санна даккхахь, сагӀа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. 13 Цул сов, морзанна тӀехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагӀа доккхуш. 14 Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза. 15 Баркаллина даьккхинчу бертан сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хӀумма а Ӏуьйренга далийта мегар дац.
16 Нагахь цхьаммо сагӀа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгӀачу дийнахь а даа мегар ду. 17 Ткъа сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийне далахь, иза цӀера тӀехь даго деза. 18 Нагахь цхьаммо цу сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийнахь даахь, и сагӀа къобал хир дац. СагӀа даьккхинчунна цхьа а шапаӀат хир дац иза бахьанехь, хӀунда аьлча и сагӀа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо. 19 Нагахь цу сагӀин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хӀуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цӀера тӀехь даго деза.
Далла хьалха муьлххачу а цӀеначу стага бертан сагӀин жижиг даа мегар ду. 20 Нагахь Далла хьалха цӀена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагӀин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза. 21 Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цӀена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагӀин жижиг даа хӀоттахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза».
22 Везачу Эло Мусага элира: 23 «ДӀаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагӀан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа. 24 Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гӀуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац. 25 Везачу Элана леринчу сагӀина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву. 26- 7:26, 27 Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23. Миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш. 27 Цхьаммо и цӀий даахь, иза шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву“».
28 Везачу Эло Мусага элира: 29 «ДӀаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагӀа доккхуш волчо цу сагӀин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. 30 Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна+ 7:30 *Шатайпа сагӀа *– и сагӀа Везачу Элана хьалха дӀасадего дезаш дара, иза Цунна шатайпа совгӀат хиларан билгало йолуш санна.*, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг. 31 Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду. 32 Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза. 33 АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ. 34 ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду. 35 Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех долу дакъош ду уьш, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а луш долу, Везачу Элана динан гӀуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна. 36 Везачу Эло тӀедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тӀе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тӀедиллина ду“».
37 Иштта бу дийнаташ дагоран а, кӀен а, къинах долу а, гӀуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагӀанех лаьцна болу хьехам. 38 Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тӀехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагӀанаш даха аьллачу хенахь.
8АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбар
(Арадаккхар 29:1-37)
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да, 3 гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде».
4 Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира. 5 Мусас элира нахе: «ХӀара ду Везачу Эло кхочушдан тӀедиллинарг».
6 АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас. 7 АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо. 8 Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас. 9 АхӀаронан коьрта тӀе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агӀор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
10 Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тӀе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. 11 ВорхӀазза сагӀа доккхучу кхерча тӀе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гӀирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тӀе даьтта доьттира уьш къобалъян. 12 АхӀаронан коьрта тӀе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. 13 АхӀаронан кӀентий схьа а балийна, царна тӀе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тӀе кӀадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
14 Къинан сагӀина лерина старгӀа схьаялийра Мусас. Юха АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 15 СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта. 16 Бежанна чуьра ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тӀехь багийра Мусас. 17 Ткъа старгӀанах йиснарг – цуьнан неӀ а, жижиг а, боьхаллаш а – меттаматтал арахьа а яьхна, цӀера тӀехь ягийра цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
18 Дийнаташ дагоран сагӀина ка схьабалийра Мусас. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 19 Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас. 20 Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цӀера тӀехь даьккхина сагӀа дара иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
22 Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхӀарон вазварна лерина бара. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 23 Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий, жимма схьаэцна, АхӀаронан аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьаькхира Мусас. 24 АхӀаронан кӀентий тӀе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а цӀий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агӀор дисна цӀий туьйхира цо. 25 Мохь а, дума а, чоконна тӀера ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гӀогӀ а схьаийцира Мусас. 26 Везачу Элана хьалха хӀоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гӀогӀана а тӀе диллира Мусас. 27 АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а куьйгашна тӀе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаайийтира цо. 28 Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цӀера тӀехь даьккхина, вазваран сагӀа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю. 29 Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайира Мусас. АхӀарон вазваран сагӀина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тӀе-ма-диллара.
30 Къобалдаран даьтта а, кхерча тӀера цӀий а, жимма схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а, АхӀаронан кӀенташна а, церан бедаршна а тӀе туьйхира Мусас. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, церан бедарш а къобалйира цо.
31 АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тӀедиллина ма-хиллара: „АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а даа деза иза“. 32 Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цӀера тӀехь ягае. 33 ВорхӀ дийнахь гуламан четарна хьалхара дӀа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хӀунда аьлча шун даздар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза. 34 Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тӀедиллина дара, аша латийна къа дӀадаккхархьама. 35 Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Ӏийр ду шу ворхӀ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хӀаллак ца хилийта. Иштта иза тӀедиллина суна Везачу Эло». 36 АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Везачу Эло Мусагахула тӀедиллинарг кхочушдира.
9АхӀарона сагӀа даккхар
1 БорхӀалгӀачу дийнахь АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас. 2 Цо элира АхӀароне: «Цхьа а сакхт доцу старгӀа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хӀотто. Старах къинан сагӀа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагӀа даккха. 3 Исраилхошка ала: „Къинан сагӀа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагӀа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Ӏахар а балабе. 4 Везачу Элана хьалха бертан сагӀа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кӀен сагӀа а даккха, хӀунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».
5 Мусас да аьлла тӀедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хӀоьттира дерриг а халкъ. 6 Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тӀаккха Везачу Элан олаллин нур схьахӀуттур ду шуна». 7- 9:7 Ӏебархошка 7:27. АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».
8 Кхерчана тӀе а вахана, шена тӀера, къинан сагӀина лерина, старана урс хьаькхира АхӀарона. 9 КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира. 10 Къинан сагӀанах йолу мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а кхерча тӀехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, 11 ткъа жижиг а, неӀ а цӀера тӀехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина.
12 Юха дийнаташ дагоран сагӀина леринчу бежанна урс хьаькхира АхӀарона. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀе туьйхира. 13 Дийнаташ дагоран сагӀина урс хьаькхначу бежанан дакъош а, корта а цара цхьацца шена схьадеача, кхерча тӀехь дагадора цо, 14 ткъа чоконаш а, когаш а, била а билина, вукху дакъошца кхерча тӀехь багийра.
15 Цул тӀаьхьа АхӀарона халкъан сагӀа даьккхира. Халкъана тӀера долчу къинан сагӀина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагӀа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тӀера сагӀа даккхаре терра. 16 Дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхира цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара. 17 Иштта, кӀен сагӀа а даьккхина, цунах цхьа кана а юьзна, юха кхерча тӀехь Ӏуьйранна даьккхинчу дийнаташ дагоран сагӀина тӀехула иза дагийра цо. 18- 9:18 Ӏамалъяр 3:1-11. Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагӀина лерина. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀетуьйхира. 19 КӀенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тӀера мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а. 20 Цара мохь некхан жижигна тӀе йиллича, цо иза, схьа а эцна, кхерча тӀехь ягийра. 21 Некхан жижиг а, аьтту гӀогӀ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна даьккхира АхӀарона, Мусас тӀе-ма-диллара.
22- 9:22 Лелар 6:22-26. Халкъехьа дӀа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхӀарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а даьхна. 23 ТӀаккха Муса а, АхӀарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 24 Везачу Элера схьайолучу цӀеро кхерча тӀера дийнаташ дагоран сагӀина дийна бежана а, мохь а дӀакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара.
10Надабан а, АбихӀун а къа.
1 АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан. 2 ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. 3 Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча:
„Суна уллохь болчара
Со Веза хилар лара деза,
ткъа дерриг а халкъана хьалха
Сан сийлалла къобалдан деза“».
Амма АхӀарон вист а ца хуьлура.
4 АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо». 5 ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.
6 АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду. 7 Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.
Динан дайшна лерина бакъонаш
8 Везачу Эло АхӀароне элира: 9 «Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза, 10 шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, 11 исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а».
12- 10:12, 13 Ӏамалъяр 6:14-18. Мусас АхӀароне а, цуьнан бисинчу кӀенташка, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхинчу кӀен сагӀанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀадаа, хӀунда аьлча и сагӀа чӀогӀа деза ду. 13 Езачу меттехь даа и бепиг, хӀунда аьлча иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех хьан а, хьан кӀентийн а дакъа ду. Иштта тӀедиллина суна Везачу Эло. 14- 10:14, 15 Ӏамалъяр 7:30-34. Шатайпа сагӀа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гӀогӀ а даа Далла хьалха цӀена йолчу меттехь ахьа а, хьан кӀенташа а, мехкарша а, хӀунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагӀанех долу дакъа ду. 15 Ерриг а мохь цӀера тӀехь йоккхуш йолчу хенахь цара гӀогӀ а, некхан жижиг а, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».
16 Къинан сагӀина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хӀинцале ягийнийла! АхӀаронан висинчу шина кӀантана, ЭлиӀазарна а, Итамарна а, оьгӀазвахара Муса: 17- 10:17 Ӏамалъяр 6:24-26. «Къинан сагӀа езачу меттехь хӀунда ца диира аш? Иза чӀогӀа деза сагӀа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дӀадахархьама, шуна делла ма дара иза. 18 Цуьнан цӀий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тӀедиллина ма-хиллара».
19 АхӀарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагӀа а, дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагӀа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?» 20 Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.
11Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
(Карлабаьккхинарг 14:3-21)
1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тӀехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хӀорш ду: 3 кӀоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 4 Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хӀорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю. 5 ГӀамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 6 Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 7 Хьакха кӀорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю. 8 Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. Уьш шуна хьарам ю.
9 Хи чохь а, хӀорда чохь а долчу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду. 10 Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хӀорда чохь а Ӏаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза. 11 Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета. 12 Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду.
13 Олхазарех хӀорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 14 маккхал а, шен тайпанашца леча а, 15 шен тайпанашца муьлхха къиг а, 16 страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 17 соька а, чӀерийдохург а, ибис а, 18 бухӀа а, пеликан а, сип а, 19 аист а, шен тайпанашца зуя+ 11:19 *Зуя *– иза чӀерий лоьцургийн тайпанах долу олхазар хила тарло.* а, хӀуттут а, бирдолаг а.
20 ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. 21 ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тӀехула кхиссаялархьама, шайн когашна тӀехула настарш ерш ю уьш. 22 Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цӀоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солӀам а, хьаргол а цӀераш йолу цӀоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а. 23 Кхин муьлхха а тӀемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю.
24 ХӀинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 25 Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 26 Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кӀорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 27 Беа кога тӀехь лелачу акхаройх тӀодаш тӀехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 28 Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю.
29 Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, 30 ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цӀераш йолу моьлкъарчий а. 31 Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 32 Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хӀуманна тӀе йожахь, и хӀума – дечиган пхьегӀа а, я бедар а, я тӀаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю. 33 Цу дийнатех елла хӀума кхийрачу пхьегӀи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегӀа йохо еза. 34 И санначу пхьегӀи чуьра хица йина яа хӀума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегӀи чуьра молу хӀума а хьарам хир ю. 35 Церан чархах схьаяьлла тӀейоьжна хӀума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу. 36 Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гӀу елахь, и Далла хьалха цӀена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дӀахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву. 37 Деллачу дийнатах схьаяьлла хӀума тӀейоьжна долу дӀадоь хӀу Далла хьалха цӀена дуьсу. 38 Ткъа шена тӀехь хи долчу хӀуьнна тӀе деллачу цу дийнатан цхьа хӀума йожахь, и хӀу Далла хьалха боьха хир ду.
39 Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 40 Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дӀаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.
41 Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша. 42 Иза гай тӀехь текхаш а, я беа кога тӀехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь – и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю. 43 Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта. 44- 11:44 Ӏамалъяр 19:2; 1 Кипин 1:16. ХӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дӀакъастаделаш, иштта цӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хӀуманашка шаьш бех ма дайта. 45 Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а ву цӀена.
46 Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тӀедиллинарг, 47 Далла хьалха боьхачух цӀенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дӀакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».
12Бер динчу зудчух лаьцна тӀедиллинарг
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кӀант вахь, ворхӀ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цӀена хир яц иза. 3- 12:3 Доладалар 17:12; Лака 2:21. БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш ву. 4 Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кӀант виначу цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хӀуманах дӀахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цӀанъяларан денош чекхдовллалц.
5 Нагахь зудчо йоӀ яхь, шина кӀирнах Далла хьалха цӀена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Ӏан деза цуьнан, йоӀ йинчу цӀийх Далла хьалха ша цӀанъяллалц.
6 ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо. 7 Везачу Элана хьалха сагӀа а даьккхина, и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. ТӀаккха иза дӀаихначу шен цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю. Иштта ду кӀант я йоӀ йинчу зудчух долу тӀедиллинарг.
8- 12:8 Лака 2:24. Нагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».
13Чкъуран цамгар йолчу нахах лаьцна тӀедиллинарг
1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза. 3 Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду. 4 Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза. 5 ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг. 6 ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву. 7 Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза. 8 Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
9 Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза. 10 Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, 11 иза дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дӀакъасто ца веза, хӀунда аьлча иза, массарна а гуш, цӀена вац. 12 Нагахь чкъуран цамгар коьрта тӀера когашка кхаччалц цомгушчун дегӀа тӀехула дӀасаяржахь, динан ден бӀаьргаша схьалоццучул, 13 динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегӀ дерриг а цамгаро дӀалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цӀена ву эр ду. ХӀунда аьлча цомгушчун дегӀ кӀайн ду – иза цӀена ву. 14 Ткъа цуьнан дегӀа тӀехь жижиг гучудалахь, иза цӀена хир вац. 15 Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цӀена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. 16 Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кӀайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. 17 Динан дас, дегӀе а хьаьжна, даӀ кӀайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
18 Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь сурх а яьлла, иза дӀайирзинехь, 19 ткъа иза хиллачохь кӀайчу басахь дестар я цӀегӀо-кӀайн томмагӀа делахь, иза динан дена тӀеван веза. 20 ДаӀ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тӀера чоьш кӀай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даӀ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. 21 Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 22 Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. 23 Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
24 Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь, 25 цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 26 Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 27 ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 28 Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.
29 Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь, 30 динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу. 31 Цу цамгаран доӀе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тӀера чоьш Ӏаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 32 ВорхӀалгӀачу дийнахь доӀе а хьаьжна, нагахь чераш дӀаса а ца даьржинехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даӀ чкъурана чудахна а дацахь, 33 цомгушчун месаш дӀаларга еза. Амма даӀ долу меттиг Ӏадйита еза. Динан дас шолгӀа а дӀакъасто веза цомгушниг ворхӀ денна. 34 ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даӀ дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цӀена хир ву. 35 Нагахь стагана, ша Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, чераш дегӀа тӀехула дӀасадаржахь, 36 динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даӀ чкъурана чу даханехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цӀена вац. 37 Нагахь даӀ ша ма-дарра а долуш, цу тӀехь Ӏаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дӀаяьлла, стаг цӀена ву. Динан дас иза Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
38 Нагахь стеган я зудчун дегӀа тӀехь кӀайн томмагӀаш хилахь, 39 динан дена церан догӀмаш тӀехь кӀайн-мокха томмагӀаш гахь, иза дегӀа тӀе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цӀена ду.
40 Нагахь цхьаннан коьрта тӀера месаш дӀаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву. 41 Нагахь стеган коьрта тӀера хьалхара агӀор месаш дӀаевллехь, и стаг кӀунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву 42 Нагахь чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа хилахь, коьрта тӀехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю 43 Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀера цӀегӀо-кӀайчу даӀан дестар дегӀа тӀехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доӀах тера хилар гахь, 44 цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цӀена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхо деза, стеган коьрта тӀехь даӀ ду аьлла.
45 Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тӀера бедарш этӀийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тӀе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦӀена вац! ЦӀена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. 46 Ерриг а хенахь, цунна тӀехь цамгар мел ю, иза цӀена вац. Иза дӀакъаьстина Ӏан веза».
Бедаршна тӀехь хуьлучу доӀан томмагӀех лаьцна
47 «Нагахь бедарна тӀехь доӀан томмагӀа хилахь, – тӀергӀан я ветанан бедарна, 48 я кӀадина тӀехь, я тӀаьрсигана тӀехь, я тӀаьрсигах йинчу хӀуманна тӀехь иза делахь, – 49 ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. 50 Динан дас, даӀан томмагӀе а хьаьжна, бехйина хӀума ворхӀ денна дӀакъастор ю 51 ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хӀумане. Нагахь даӀан томмагӀа бедарна тӀехь, я тӀергӀан я ветанан кӀади тӀехь, я тӀаьрсига тӀехь – цуьнан Ӏалашо мухха елахь а – дӀасадаьржинехь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду. И хӀума цӀена яц. 52 Динан дас шена тӀехь томмагӀа йолу и бедар, я тӀергӀан я ветанан долу кӀади, я тӀаьрсигах йина хӀума яго еза, хӀунда аьлча цунна тӀехь долу доӀан томмагӀа кхераме ду. И хӀума цӀера тӀехь яго еза.
53 Нагахь динан дена доӀан томмагӀа бедарна тӀехула а, я кӀадина тӀехула а, я тӀаьрсиган хӀуманна тӀехула а дӀаса ца даьржинийла гахь, 54 цо доӀан томмагӀа тӀехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хӀума шолгӀа а дӀакъастор ю ворхӀ денна. 55 Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза – доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а. 56 Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тӀера доӀан томмагӀа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагӀа долу дакъа цо бедарна, я тӀаьрсигана, я кӀадина тӀера схьадаккха деза. 57 Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза. 58 Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».
59 Иштта ду, тӀергӀан я ветанан бедарна я кӀадина тӀе, я муьлххачу тӀаьрсиган хӀуманна тӀе доӀан томмагӀа даьлча, иза цӀена я боьха хиларх долу тӀедиллинарг.
14Тобелларш Далла хьалха цӀанбарх лаьцна
1 Везачу Эло Мусага элира: 2- 14:2 Маттай 8:4; Марк 1:44; Лака 5:14; 17:14. «Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву, 3 ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, 4 динан дас омра лур ду, цӀанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. 5 Кхийрачу пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хина тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. 6 Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас. 7 Юха цамгарх цӀанвечу стагана тӀе ворхӀазза цӀийн тӀадамаш тухур ду цо. Цул тӀаьхьа, стаг Далла хьалха цӀена ву аьлла дӀа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дӀахоьцур ду динан дас. 8 Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо. 9 ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.
10 БорхӀалгӀачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Ӏахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Ӏахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кӀен дама а кӀен сагӀина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. 11 Стаг цӀанвеш волчу динан дас цо деанчу совгӀаташца гуламан четаран неӀ йолчохь Везачу Элана хьалха хӀоттор ву иза. 12 Цхьа Ӏахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гӀуда такхаран сагӀа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагӀа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. 13 Къинан сагӀина а, дийнаташ дагочу сагӀина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Ӏахарна урс хьокхур ду, хӀунда аьлча, къинан сагӀа санна, къера хиларан долу хӀара сагӀа динан ден ду. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 14 ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас. 15 Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. 16 Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Ӏоьттина, аьтту куьйган пӀелгаца ворхӀазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дӀакхуьссур ду динан дас. 17 Куьйга тӀехь дисна даьтта цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий хьаькхна ю. 18 Кераюккъехь дисна даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, тӀаккха и стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.
19 Къинан сагӀа а даьккхина, цамгарх товина стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тӀаьхьа дийнаташ дагоран сагӀина дийнат дуьйр ду цо. 20 Дийнат а, кӀен сагӀа а кхерча тӀе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха и стаг Далла хьалха цӀена хир ву.
21 Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цӀанвархьама гӀуда такхаран сагӀина цхьа Ӏахар бало беза цо. Цу Ӏахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагӀа санна. Цул сов, цу стага, кӀен сагӀина лерина, бархӀ кад зайтдаьттанца эдина кӀен дама а, ши кад зайтдаьтта а, 22 ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза. 23 Ша цӀанлучу борхӀалгӀачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀарна улло а еана, динан дега дӀаяла еза цо и хӀуманаш. 24 ГӀуда такхаран сагӀина беана Ӏахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна боккхур бу динан дас. 25 Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас. 26 Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, 27 юха, аьрру куьйга тӀера цу даьттана чохь аьтту куьйган пӀелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхӀазза Везачу Элана хьалха тосур ду. 28 Хьалха ша цӀий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. 29 Дисина даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цӀанваран Ӏадат кхочушдархьама. 30 ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. 31 Царах цхьа олхазар къинан сагӀина а, важа кӀен сагӀанца дийнаташ дагоран сагӀина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. 32 Иштта ду ша цӀанваран Ӏадат кхочушдечу хенахь сагӀина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тӀедиллинарг».
ЦӀенош тӀехь хуьлучу доӀан томмагӀех лаьцна
33 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 34 «Нагахь, Ас шуна луш долчу канаӀанхойн лаьтта тӀе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тӀера цхьана цӀенна доӀан томмагӀаш Аса кхетийтахь, 35 и цӀа долчо, динан дена тӀе а вахана, ала деза: „Сан цӀенна тӀехь томмагӀаш гучудевлла, ткъа уьш доӀан томмагӀех тера ду“. 36 ЦӀийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тӀаьхьа иза, талла а толлуш, цӀийне хьожур ву. 37 Нагахь цунна, томмагӀашка хьаьжча, кӀоргга чудахна а долуш, пена тӀехула баьццарчу я цӀечу басахь уьш хилар гахь, 38 цӀа чуьра ара а ваьлла, ворхӀ денна иза дӀакъовлур ду динан дас. 39 ВорхӀалгӀачу дийнахь ша юхавеача, томмагӀаш дерриг а пенашна тӀехула дӀасадаьржина хилар динан дена гахь, 40 томмагӀаш тӀехь долу тӀулгаш, схьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду цо. 41 ЦӀа чуьра пенаш тӀера хьахарш, охьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду. 42 ДӀадаьхначеран метта кхин тӀулгаш дӀахӀиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду.
43 Нагахь, тӀулгаш а, хьахарш а хийцинчул тӀаьхьа, томмагӀаш, юха гучу а девлла, дӀасадаьржаш хилахь, 44 динан дас кхин цкъа а цӀа толлур ду. Нагахь томмагӀаш пенашна тӀехула дӀасадаьржинехь, уьш кхераме доӀан томмагӀаш ду, цӀа цӀена дац. 45 И цӀа доха а дина, цуьнан тӀулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхисса еза. 46 Нагахь цхьаъ и цӀа къевлина долчу хенахь цу чу гӀахь, иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 47 Цу цӀа чохь дӀавижначо я хӀума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. Цу чохь хӀума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цӀена хир вац.
48 Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тӀаьхьа томмагӀаш дӀасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тӀаьхьа гахь, цо цӀа Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча томмагӀаш дӀадевлла. 49 И цӀа цӀандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. 50 Кхийра пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хи тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо. 51 Баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу а Ӏоьттина, цӀенна тӀе ворхӀазза цинцаш тухур ду динан дас. 52 Олхазаран цӀийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цӀечу тайца а цӀа цӀандийр ду цо. 53 Дийна долу олхазар гӀалел арахь, эрна аренгахула, дӀахоьцур ду. Иштта цӀа цӀандаран Ӏадат кхочушдийр ду цо, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ду.
54 Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а, 55 бедарш тӀехь а, цӀийна тӀехь а хуьлучу доӀан томмагӀех а, дегӀа тӀехь долчу дестарх а, хьаьттарех а, томмагӀех а долу тӀедиллинарг, 56 кхеттарг боьха а, цӀена а хуьлу хан къасторхьама. Иштта ду цу тайпана йолчу цамгарех я томмагӀех долу тӀедиллинарг».
15ДегӀах доьзначу цӀена цахиларх лаьцна
1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тӀуналла хилахь, и тӀуналла цӀена яц. 3 Ткъа стаг цӀена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тӀуналла бахьана долуш – тӀуналла схьайолуш елахь а, стеган дегӀаца иза юьсуш елахь а. 4 И стаг тӀевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тӀехиъна йолу муьлхха хӀума а боьха хир ю. 5 Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 6 Нагахь дегӀах тӀуналла схьайолуш волу стаг тӀехиъначу хӀуманна тӀе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иштта стаг. 7 ТӀуналла схьайолучун дегӀах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 8 ДегӀах тӀуналла схьайолучо цхьанна тӀе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 9 ДегӀах тӀуналла схьайолуш верг тӀехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цӀена яц. 10 Цу стагана бухахь хиллачу хӀуманах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. И хӀума карахь дӀаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 11 ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 12 Шех тӀуналла схьайолург дӀахьакхавелла кхийра пхьегӀа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегӀа хица йила еза.
13 ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву. 14 БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо. 15 Цхьана олхазарх къинан сагӀа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду.
16 Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза. 17 И тӀуналла тӀекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цӀена хир дац уьш. 18 Нагахь стаг зудчуьнца дӀавижча, цунах тӀуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цӀена хир дац и шиъ.
19 Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегӀах цӀий дӀакъаьсташ елахь, ворхӀ дийнахь иза цӀена хир яц. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. 20 Ша цӀена цахиларан деношкахь и зуда тӀейижна а, тӀехиъна а йолу хӀума цӀена яц. 21 Иза дӀаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 22 И зуда тӀехиъна Ӏийначу хӀуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 23 Иза дӀайижначу маттера я хиъна Ӏийначуьра цхьана хӀуманах хьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. 24 Нагахь цӀий догӀучу хенахь цу зудчуьнца майра дӀавижахь, иза ворхӀ дийнахь цӀена хир вац. И тӀевижна муьлхха а мотт цӀена хир бац.
25 Нагахь зудчун цӀий дӀаэхар, баттахь хуьлу цӀена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цӀена хир яц, баттахь хуьлучу цӀена цахиларан хенахь санна. 26 Зудчунна цӀий догӀучу хенахь иза тӀейижна муьлхха а мотт, иза тӀехиъна муьлхха а хӀума цӀена хир яц, баттахь цӀена ца хиларан хенахь тӀейижна мотт санна. 27 Цу хӀуманех дӀахьакхавелларг цӀена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иза. 28 ЦӀий дӀаэхар сецча, зудчо ворхӀ дийнахь собар дан деза. Цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю. 29 БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо. 30 Олхазарех цхьаннах къинан сагӀа, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду цо.
31 Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хӀуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цӀа сийсаз а деш, шайн боьхачу хӀуманашца уьш ца балийта.
32 Иштта ду дегӀах тӀуналла схьакъаьстачех долу тӀедиллинарг: стаг цӀена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тӀуналлех а, 33 цӀий дӀаоьхучу зударех а, тӀуналла дегӀах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цӀена йоцучу зудчуьнца дӀавижначу майрачух а долу тӀедиллинарг“».
16Къинош дӀадахаран де
1 Хийра цӀе а яхьаш, Везачу Элана хьалха веана АхӀаронан ши кӀант велча, Везачу Эло Мусаца къамел дира. 2- 16:2 Ӏебархошка 6:19. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.
3- 16:3 Ӏебархошка 9:7. Делан четаран уггар езачу чоьнна чувале, къинан сагӀина старгӀа а, дийнаташ дагоран сагӀина ка а бан беза АхӀарона.
4 Дуткъачу кӀадих йина еза коч тӀеюха еза цо тӀе, дуткъачу кӀадих йина чухула юху хӀума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тӀехь. Уьш деза духарш ду, шен дегӀ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тӀе.
5 Исраилхойн халкъана тӀера къинан сагӀина лерина ши бож а, дийнаташ дагоран сагӀина лерина ка а схьаэца беза АхӀарона. 6 Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо. 7 Ши бож, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀарехь дӀахӀоттор ю цо. 8 Юха АхӀарона шина божана кхаж тосур бу: цхьа кхаж Везачу Элана лерина, ткъа важа Ӏазизалина+ 16:8 *Ӏазизал *– оцу дешан гочдар билггал хууш дац. Иза цхьана яьссачу аренгарчу жинан цӀе хила тарло я иза «дӀахоьцу бож» хила тарло.* лерина. 9 Везачу Элана лерина кхаж баьлла бож, схьа а ялийна, къинан сагӀа санна йоккхур ю АхӀарона. 10 ДӀахецаран кхаж баьлла дийна йолу бож Везачу Элана хьалха хӀоттор ю. Цул тӀаьхьа и бож яьссачу ара, Ӏазизал долчу, дӀахоьцур ю, халкъан къинош дӀадахархьама.
11 АхӀарона шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа ялор ю, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадахархьама. Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀина урс хьокхур ду цо. 12 Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерча тӀера богуш болчу кӀоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, схьа а эцна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхӀарона. 13 Везачу Элана хьалха йогучу цӀера тӀе дуьллур ду цо хаза хьожа йогӀу сегӀаз. СегӀазан кӀуьро тоьшаллин тӀорказан къинош дӀадахаран негӀар дӀахьулдийр ду, АхӀарон, иза ган а гина, ца валийтархьама. 14 Юха старгӀин цӀий, шен пӀелгаца цхьажимма схьа а эцна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза цунна хьалха а тухур ду цо.
15- 16:15 Ӏебархошка 9:12. Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо. 16 Исраилхойн боьха гӀуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дӀадохур ду уггар езачу чоьнна тӀера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хӀунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цӀена бац. 17 АхӀарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дӀадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цӀийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дӀа а даьхна, 18 Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а вахана, иза цӀанбан беза цо. СтаргӀин а, божан а цӀий цхьажимма кхерчан массо а маӀана тӀе хьокхур ду цо. 19 Шен пӀелга тӀера ворхӀазза кхерча тӀе цхьажимма цӀий а тоьхна, иза цӀанбийр бу цо, исраилхой цӀена цахиларх базбийр бу и кхерч».
ДӀахоьцуш йолу бож
20 «Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, цӀан а бина, дийна бож схьаялор ю АхӀарона. 21 Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тӀе а дехкина, цунна тӀехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дӀадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тӀаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дӀахьажор ю цо и бож. 22 Божо нехан ерриг а харцонаш шеца яьссачу ара дӀахьур ю, цу стага ша дӀахецча.
23- 16:23 Яхьазкхиал 44:19. Гуламан четарна чу а вахана, ша хьалха чувоьдуш тӀедоьхна хиллачу дуткъачу кӀадих дина духарш цу чохь дуьтур ду АхӀарона. 24 Езачу меттехь шен дегӀ а дилина, ша лелош йолу бедарш тӀе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. 25 Къинан сагӀина йийначу старгӀин мохь кхерча тӀехь ягор ю цо. 26 Яьссачу ара бож дӀахьажо ваханарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Цул тӀаьхьа иза меттаматтана чуваха мега. 27- 16:27 Ӏебархошка 13:11. Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дӀадаха цӀий даьккхина йолчу, къинан сагӀина йийначу старгӀин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неӀарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза. 28 Уьш ягийнарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза, тӀаккха меттамотт болчу ван мегар ду иза».
Къинош дӀадахаран де ларар
29- 16:29-34 Ӏамалъяр 23:26-32; Лелар 29:7-11. «Шуна гуттаренна а тӀедуьллуш ду хӀара хӀума: ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Ӏаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, 30 хӀунда аьлча цу дийнахь шун къинош дӀадохур ду, шу цӀандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цӀена хир ду шу. 31 Иза садоӀу шоьтан де ду, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тӀедиллина ду шуна. 32 Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кӀадих дина деза духарш тӀе а дуьйхина, 33 уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цӀанбаран Ӏадат кхочушдийр ду цо. 34 Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар».
Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.
17ЦӀийн деза хилар
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тӀедуьллург хӀара ду: 3 нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгӀина, я Ӏахарна, я газанна, урс а хьаькхна, 4 уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву. 5 Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагӀина дайа деза цара и дийнаташ. 6 Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тӀе цӀий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама. 7 Газа-цӀушна шайн сагӀанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидӀа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тӀедуьллуш ду иза“.
8 Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагӀа доккхуш хилахь, 9 Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
10- 17:10 Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 7:26, 27; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду. 11- 17:11 Ӏебархошка 9:22. ДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху. 12 Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац.
13 Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза, 14 хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.
15 Къеелла а, экхано цистина а хӀума йиънарг, исраилхо я тӀевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза, цул тӀаьхьа цӀена хир ву. 16 Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегӀ а ца цӀандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».
18Шен дахарехь цӀена лелар
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. 3 Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш. 4 Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. 5- 18:5 Нахьми-ЯхӀу 9:29; Яхьазкхиал 18:9; 20:11-13; Лака 10:28; Римхошка 10:5; Галатахошка 3:12. Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
6 Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7 Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. 8- 18:8 Ӏамалъяр 20:11; Карлабаьккхинарг 22:30; 27:20. Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. 9- 18:9 Ӏамалъяр 20:17; Карлабаьккхинарг 27:22. Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10 Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11 Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12- 18:12-14 Ӏамалъяр 20:19, 20. Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 13 Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 14 Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15- 18:15 Ӏамалъяр 20:12. Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. 16- 18:16 Ӏамалъяр 20:21. Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. 17- 18:17 Ӏамалъяр 20:14; Карлабаьккхинарг 27:23. Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. 18 Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа.
19- 18:19 Ӏамалъяр 20:18. Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. 20- 18:20 Ӏамалъяр 20:10. Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21- 18:21 Ӏамалъяр 20:1-5. Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22- 18:22 Ӏамалъяр 20:13. Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. 23- 18:23 Арадаккхар 22:19; Ӏамалъяр 20:15, 16; Карлабаьккхинарг 27:21. Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду!
24 Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина. 25 Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу. 26 Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе. 27 (Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.) 28 Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна. 29 Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву.
30 Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».
19ЦӀена хиларх а, нийсонах а тӀедиллинарг
1 Везачу Эло Мусага элира: 2- 19:2 Ӏамалъяр 11:44, 45; 1 Кипин 1:16. «ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву. 3- 19:3 а: Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; б: Арадаккхар 20:8; Карлабаьккхинарг 5:12. ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.
4- 19:4 а: Ӏамалъяр 26:1; б: Арадаккхар 20:23; 34:17; Карлабаьккхинарг 17:25. ЦӀушна тӀе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.
5 Веза Эла волчу Суна бертан сагӀа шаьш даьккхича, шуна тӀера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза. 6 Шаьш сагӀа даьккхинчу дийнахь а, шолгӀачу дийнахь а даа иза, кхозлагӀчу дийне даьлларг цӀергахь дагаде. 7 КхозлагӀчу дийнахь и сагӀа даа мегар дац, иза Суна хьалха цӀена а дац, Со цунна реза а хир вац. 8 Иза диинчо жоп дала деза, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дӀакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
9- 19:9, 10 Ӏамалъяр 27:15; Карлабаьккхинарг 24:19-22. Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. 10 Шайн кемсийн бешара тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тӀебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.
11- 19:11 а: Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; б: Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20. Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де. 12- 19:12 Арадаккхар 20:7; Карлабаьккхинарг 5:11; Маттай 5:33. Хьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.
13- 19:13 Карлабаьккхинарг 24:14, 15. Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хӀума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТӀелаьцна болх биначунна йогӀу ял сахиллалц цунна ца луш ма Ӏе. 14- 19:14 Карлабаьккхинарг 27:18. Къорачунна сардам ма болла, бӀаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хӀума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.
15- 19:15 Арадаккхар 23:6-8; Карлабаьккхинарг 16:19. Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. 16 Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
17- 19:17 Маттай 18:15. Дага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама. 18- 19:18 Маттай 5:43; 19:19; 22:39; Марк 12:31; Лака 10:27; Римхошка 13:9; Галатахошка 5:14; Якъуба 2:8. Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
19- 19:19 Карлабаьккхинарг 22:9-11. Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.
20 Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гӀарбашца дӀавижахь, и зуда паргӀатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таӀзар дан догӀу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хӀунда аьлча зуда паргӀатъяьккхина яц. 21 Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре гӀуда такхаран сагӀа даккха ка бало беза. 22 Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дӀадоккхур ду, цуьнгара гӀуда такхаран сагӀина балийна ка а бийна. ТӀаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.
23 Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догӀа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цӀена а ма лара, уьш баа а ма баа, 24 ткъа доьалгӀачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагӀанашна дӀабала беза. 25 ПхоьалгӀачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.
26- 19:26 а: Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23; б: Карлабаьккхинарг 18:10. Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. 27- 19:27, 28 Ӏамалъяр 21:5; Карлабаьккхинарг 14:1. Гиччош долчуьра шайн месаш дӀа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. 28 Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.
29- 19:29 Карлабаьккхинарг 23:17. Нахаца а лелийтий, шайн йоӀан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дӀасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу. 30- 19:30 Ӏамалъяр 26:2. Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.
31- 19:31 Карлабаьккхинарг 18:11; Шамъал 28:3; Дауд 23:4; ЕшаӀ-ЯхӀу 8:19. Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
32 Воккха стаг чуваьлча, хьалагӀовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.
33- 19:33, 34 Арадаккхар 22:21; Карлабаьккхинарг 24:17, 18; 27:19. ТӀевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. 34 Шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. Со шун Веза Дела ву.
35- 19:35, 36 Карлабаьккхинарг 25:13-16; Кицанаш 20:10; Яхьазкхиал 45:10. Кхел ечохь а, хӀуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хӀума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. 36 Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со. 37 Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».
20ЛацадогӀарна таӀзар дар
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза. 3 Ас, Сайн оьгӀазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дӀаэккхор ву и стаг, хӀунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дӀа а луш, Сан цӀа бех а дина, Сан сийлахь цӀе сийсаз а йина. 4 Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дӀаваларх халкъана юкъара массара а шайн бӀаьргаш дӀахьаббинехь, цара иза ца вийнехь, 5 Ас-Айса Сайн оьгӀазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Ӏибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу.
6 Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тӀедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тӀеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгӀазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дӀа а эккхор бу. 7 Шаьш Далла лерина а хилийта, цӀена а хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву. 8 Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хӀунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.
9- 20:9 Арадаккхар 21:17; Маттай 15:4; Марк 7:10. Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цӀий шена тӀехь ду цунна.
10- 20:10 Арадаккхар 20:14; Ӏамалъяр 18:20; Карлабаьккхинарг 5:18. Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. 11- 20:11 Ӏамалъяр 18:8; Карлабаьккхинарг 22:30; 27:20. Шен ден зудчуьнца цхьаъ дӀавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цӀий царна тӀехь ду. 12- 20:12 Ӏамалъяр 18:15. Нагахь цхьаъ шен несаца дӀавижахь, и ший а дуьйр ду, хӀунда аьлча дегаза гӀуллакх ду цара динарг. Церан цӀий царна тӀехь ду. 13- 20:13 Ӏамалъяр 18:22. Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дӀавижахь, цара динарг дегаза гӀуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цӀий царна тӀехь ду. 14- 20:14 Ӏамалъяр 18:17; Карлабаьккхинарг 27:23. Хьарам хӀума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цӀергахь даго деза. И санна боьха гӀуллакх шайна юкъахь ма хилийта! 15- 20:15, 16 Арадаккхар 22:19; Ӏамалъяр 18:23; Карлабаьккхинарг 27:21. Дийнатаца цхьаъ дӀавижахь, иза ве, дийнат а де. 16 Нагахь зуда дийнатца дӀайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цӀий царна тӀехь ду.
17- 20:17 Ӏамалъяр 18:9; Карлабаьккхинарг 27:22. Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дӀавижахь, цо динарг хьарам гӀуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дӀаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дӀавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. 18- 20:18 Ӏамалъяр 18:19. Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дӀавижахь, цуьнан цӀий дӀаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза.
19- 20:19, 20 Ӏамалъяр 18:12-14. Ненан йишица а, ден йишица а дӀа ма вижа, хӀунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. 20 Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дӀадаллалц бераш хир дац церан. 21- 20:21 Ӏамалъяр 18:16. Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо динарг боьха гӀуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.
22 Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тӀедуьгучу лаьтто шу дӀа ма Ӏеттадойла. 23 Ас шу долчуьра дӀаэккхочу къаьмнийн гӀиллакхаш тӀе ма эца. Цу наха и массо а боьха гӀуллакхаш леладора, цундела Суна чӀогӀа ца бийзира уьш. 24 Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дӀалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дӀакъастийна волу шун Веза Дела ву Со. 25 Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дӀакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тӀехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де. 26 Суна хьалха цӀена хила, хӀунда аьлча Со, Веза Эла, цӀена ву. Ас кхечу халкъех дӀакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.
27 Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».
21Динан дайшна тӀедуьллуш дерг
1 Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала динан дайшка, АхӀаронан кӀенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. 2 Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь – да я нана, кӀант я йоӀ, ваша 3 я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Ӏийна йиша – цунах куьг Ӏоттарца динан дена магийтина ду ша бехван. 4 Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта+ 21:4 *Я иштта: *Зуда ялорехула я маре яхарехула цуьнца гергара хиллачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта.*.
5- 21:5 Ӏамалъяр 19:27, 28; Карлабаьккхинарг 14:1. Шайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна. 6 Шайн Далла хьалха цӀена хила беза уьш, Цуьнан цӀе сийсазъян ца еза цара, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагӀанаш Делан кхача бу. Цундела цӀена хилар тӀехь ду царна. 7 Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу. 8 Динан да цӀена лара, хӀунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагӀанаш доху. ЦӀена хуьлийла иза хьуна, хӀунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цӀена ву. 9 Нагахь динан ден йоӀ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦӀергахь яго еза иза.
10 Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тӀе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тӀедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тӀера бедарш этӀо а ца еза. 11 Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо. 12 Велларг дӀаволлархьама, Делан цӀа долчуьра дӀа а вахана, шен Делан цӀа сийсаздан ца деза цо, хӀунда аьлча даьтта тӀедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тӀехь. Со Веза Эла ву. 13 Шен халкъана юкъара йоӀстаг бен шена яло мегар дац цо. 14 Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза, 15 шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“».
16 Везачу Эло Мусага элира: 17 «ДӀаала АхӀароне: „Нагахь хьан тӀаьхьенах волчу цхьаннан дегӀа тӀехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тӀедуьллуш ду. 18 Далла сагӀанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бӀаьрзечунна, астагӀчунна, цӀарматчунна, 19 ког я куьг заьӀап долчунна, 20 букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бӀаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. 21 Динан ден АхӀаронан тӀаьхьенах а волуш, дегӀа тӀехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тӀеван цӀера тӀехь сагӀанаш даха. Сакхт ду цунна тӀехь, цундела шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. 22 Суна лерина даьхна сагӀанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. 23 Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“».
24 АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг а исраилхошка а дӀахаийтира иза Мусас.
22СагӀанаш деза хилар
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагӀанаш леррина леладе, Сан еза цӀе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. 3 ДӀаала цаьрга: „Шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цӀена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагӀанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дӀаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“.
4 АхӀаронан тӀаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегӀах тӀуналла схьайолуш велахь, цо деза сагӀа даа мегар дац, ша цӀанваллалц. Еллачу хӀуманах хьакхаеллачух куьг Ӏоьттинарг а, боьршачу нехан тӀуналла шех схьаяьлларг а, 5 муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цӀена воцург а 6 сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц. 7 Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу. 8 Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву.
9 Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со.
10 Хийрачо цхьаммо а деза сагӀа даа мегар дац. Динан да волчохь Ӏачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагӀа. 11 Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хӀусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагӀа. 12 Динан дайн тӀаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоӀа дезачу сагӀина деанарг даа мегар дац. 13 Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац.
14 Цхьаммо ларамаза дезачу сагӀанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагӀа юхаметтахӀотто деза, цу тӀе цуьнан пхоьалгӀа дакъа тӀе а тоьхна. 15 Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагӀанаш, 16 бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хӀумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таӀзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со».
17 Везачу Эло Мусага элира: 18 «ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагӀа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, 19 сагӀина далийна дийнат старгӀанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. 20- 22:20 Карлабаьккхинарг 17:1. ТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. 21 Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагӀина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тӀехь цхьа а сакхт хила йиш яц. 22 БӀаьрзе я лазийна, я цӀармата, я цомгуш долу, я даьӀнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, сагӀа доккхучу кхерча тӀе ма дилла. 23 ТӀех беха я боца когаш болу старгӀа я Ӏахар даггара леларца долчу сагӀина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагӀина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хӀуманна. 24 Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дӀаяьхна, я дӀахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де.
25 Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагӀина схьа ма эца, хӀунда аьлча царна тӀехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“».
26 Везачу Эло Мусага элира: 27 «Эса я Ӏахар, я буьхьиг йича, ворхӀ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхӀалгӀачу дийнахь дуьйна цӀера тӀехь Везачу Элана цунах сагӀа даккха мегар ду. 28 Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш. 29 Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагӀа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза. 30 Цу дийнахь даа деза и сагӀа, цунах хӀума Ӏуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву.
31 Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву. 32 Сан еза цӀе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со. 33 Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».
23Везачу Элан дезачу денойх лаьцна
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „ХӀорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. 3- 23:3 Арадаккхар 20:8-10; 23:12; 31:15; 34:21; 35:2; Карлабаьккхинарг 5:12-14. Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхӀалгӀа де, садоӀу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Ӏаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. 4 ХӀорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“».
Пасахьан а, совсазчу баьпкан а деза де
(Лелар 28:16-25)
5- 23:5 Арадаккхар 12:1-13; Карлабаьккхинарг 16:1, 2. «Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. 6- 23:6-8 Арадаккхар 12:14-20; 23:15; 34:18; Карлабаьккхинарг 16:3-8. Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. 7 Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 8 ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».
9 Везачу Эло Мусага элира: 10 «ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало. 11 Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. 12 ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха. 13 Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин+ 23:13 *ХӀин *– цхьа хӀин еа литаран барам бара.* цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца. 14 Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“».
Ялта чудерзоран деза де
(Лелар 28:26-31)
15- 23:15-21 Арадаккхар 23:16; 34:22; Карлабаьккхинарг 16:9-12. «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде. 16 Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха. 17 Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза. 18 Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 19 Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе. 20 Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду. 21 Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.
22- 23:22 Ӏамалъяр 19:9, 10; Карлабаьккхинарг 24:19-22. Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».
Локхучу маӀийн деза де
(Лелар 29:1-6)
23 Везачу Эло Мусага элира: 24 «ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь. 25 Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“».
Къинош дӀадахаран де
(Лелар 29:7-11)
26- 23:26-32 Ӏамалъяр 16:29-34. Везачу Эло Мусага элира: 27 «ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. 28 Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де. 29 Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. 30 Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву. 31 Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 32 Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де».
Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош
33- 23:33-36 Карлабаьккхинарг 16:13-15. Везачу Эло Мусага элира: 34 «ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах. 35 Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 36 ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.
37 (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш. 38 И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.)
39 ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш. 40 Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха. 41 ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош. 42 Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза. 43 Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».
44 Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.
24Къуьданах лаьцна тӀедиллинарг
(Арадаккхар 27:20, 21)
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 3 Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 4 ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».
Дезачу баьпках лаьцна тӀедиллинарг
5- 24:5, 6 Арадаккхар 25:30. «КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. 6 Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. 7 ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 8 ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. 9- 24:9 Маттай 12:4; Марк 2:26; Лака 6:4. АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».
Дела емалварна таӀзар дар
10 Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо. 11 Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.) 12 Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза.
13 Везачу Эло Мусага элира: 14 «Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса. 15 ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза. 16 Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.
17- 24:17 Арадаккхар 21:12. Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 18 Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал – дахар.
19 Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза: 20- 24:20 Арадаккхар 21:23-25; Карлабаьккхинарг 19:21; Маттай 5:38. меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза. 21 Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 22- 24:22 Лелар 15:16. Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».
23 Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.
25ВорхӀалгӀа шо
(Карлабаьккхинарг 15:1-11)
1- 25:1-7 Арадаккхар 23:10, 11. Синай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта. 3 Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде. 4 Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае. 5 Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза. 6 Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а, 7 шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».
МеттахӀотторан шо
8 «МеттахӀотторан шо+ 25:8 *МеттахӀотторан шо *– лаьтте садоӀуьйту шо.* шайна юкъахь долу ворхӀ шо ворхӀазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта. 9 Цул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дӀадахаран де дӀакхайкхаде, маӀа а локхуш. 10 Шовзткъе уьтталгӀа шо къобал а де, шайн махкахь Ӏаш мел волу стаг паргӀат а ваккха. МеттахӀотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХӀора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тӀе а, шен тайпане а кхача. 11 Шовзткъе уьтталгӀа шо шун шатайпа меттахӀотторан шо хилла дӀахӀуттур ду. ХӀумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тӀаьхьалонна дӀа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тӀера кенаш схьа а ма даха. 12 ХӀунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна.
13 МеттахӀотторан шарахь хӀора а шен доьзалан латта тӀе верза, цуьнан дола дан. 14 Хьайн уллорачунна цхьа хӀума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве. 15 МеттахӀотторан шо дӀадаьллачул тӀаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хӀума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза. 16 Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кӀеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хӀунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду. 17 Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хӀунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву».
ВорхӀалгӀачу шарахь яар
18 «Аса шайна тӀедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТӀаккха шу синтем болуш Ӏийр ду шайн махкахь. 19 Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хӀума хир ду, тӀаккха шу синтем болуш шайн махкахь Ӏийр ду.
20 Амма аша ала тарло: „Оха латта дӀадуьйш а ца хилча, ворхӀалгӀачу шарахь тхан яа хӀума хир яц“. 21 Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду. 22 Ткъа бархӀалгӀачу шарахь ялта дӀадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгӀачу шарахь керла ялта кхиъалц».
ХӀума долахь хиларан бакъонаш меттахӀиттор
23 Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хӀунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду.
24 Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде. 25 Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дӀадохкахь, цунна гӀо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду. 26 Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега. 27 ТӀаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тӀаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хӀун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо. 28 Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хӀусамден дола дер ду.
29 Нагахь стага гонах пен болчу гӀалахь долу цӀа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан. 30 Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гӀалара цӀенош эцначу стеган а, цуьнан тӀаьхьенан а дола довлу, меттахӀотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац. 31 Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цӀенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахӀотторан шарахь шайн хьалхалерчу хӀусамден юха а дола довлу. 32 Шайн долахь йолчу гӀаланашкахь муьлххачу хенахь а цӀенош юхаэца бакъо ю левихойн. 33 Ткъа, масала, царах цхьаммо цӀенош юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь уьш юха а хӀусамден дола девр ду, хӀунда аьлча левихойн гӀаланашкахь долу цӀенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза. 34 Амма церан гӀаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хӀунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.
Къийбеллачарах а, лех а
35- 25:35 Карлабаьккхинарг 15:7, 8. Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта. 36 Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. 37- 25:37 Арадаккхар 22:25; Карлабаьккхинарг 23:19, 20. Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. 38 КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.
Леш дӀахеца
39- 25:39-46 Арадаккхар 21:2-6; Карлабаьккхинарг 15:12-18. Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. 40 Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. 41 ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. 42 ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. 43 Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. 44 Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш. 45 Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу. 46 Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де.
47 Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Ӏаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь, 48 ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза. 49 Цуьнан девашас я девешин кӀанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех. 50 Ша эцначунна мах дӀатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тӀера дуьйна меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дӀадала деза цо, хӀунда аьлча и стаг хӀусамда волчохь тӀелаьцна белхало санна хилла. 51 Ткъа меттахӀотторан шо тӀекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дӀадала деза цо. 52 Нагахь шераш кӀезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дӀабала беза шех богӀу мах. 53 ХӀора шарахь йолах тӀелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХӀусамдега цунна тӀехь ницкъ ма байта. 54 Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргӀатдевр ду. 55 ХӀунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.
26Дала бохург дарна декъалдар
(Карлабаьккхинарг 7:12-24; 28:1-14)
1- 26:1 а: Ӏамалъяр 19:4; б: Арадаккхар 20:4; Карлабаьккхинарг 5:8; 16:21, 22; 27:1. «Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. 2 Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.
3- 26:3-5 Карлабаьккхинарг 11:13-15; 28:1-14. Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, 4 Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. 5 Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.
6 Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац. 7 Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш. 8 Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий. 9 Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву. 10 Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша. 11 Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со. 12- 26:12 2 Коринтхошка 6:16. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. 13 Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».
Дала бохург цадарна таӀзар дар
(Карлабаьккхинарг 28:15-68)
14- 26:14-33 Карлабаьккхинарг 28:15-68. «Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хӀара весеташ аш кхочуш ца дахь, 15 нагахь Сан парзаш дӀа а теттина, Ас тӀедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, 16 Ас шуна таӀзар дийр ду. Кхерам а, хӀоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тӀе. Цара шун бӀаьрса а гӀелдийр ду, синош а бӀарздийр ду. Аш ялта дӀадер эрна хир ду, шун мостагӀаша иза дуур долу дела. 17 Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.
18 Оцу массо а гӀуллакхел тӀаьхьа аш Соьга ла ца догӀахь, шун къиношна Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна. 19 Шун чӀагӀъелла куралла йохор ю Ас, стигало догӀанан тӀадам а лур бац шуна, латта, тӀулг санна, чӀагӀлур ду шун. 20 Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.
21 Цул тӀаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугӀуш ца хилахь, Айса ден долу таӀзар ворхӀазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. 22 Шуна тӀе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хӀаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду.
23 Цул тӀаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь, 24 Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аш къинош леторна. 25 Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гӀаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тӀе ун хоьцур ду, тӀаккха мостагӀийн карагӀур ду шу. 26 Дисина напха дӀадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.
27 Нагахь цул тӀаьхьа а, Соьга ла а ца дугӀуш, шу Суна дуьхьалдовлахь, 28 Ас, оьгӀазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аша къинош леторна. 29 Шайн кӀентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. 30 ЦӀушна сагӀа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хӀиттийна бӀогӀамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цӀушна тӀе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. 31 Шун гӀаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цӀушна Ӏибадат деш долу цӀенош а дассор ду, аш деанчу сагӀанех хьожа а йоккхур яц. 32 Шун латта дассор ду Ас, цу тӀехь баха охьахевшина шун мостагӀий цецбовллал чӀогӀа. 33 Шу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду Ас, шуна тӀаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гӀаланаш а йохийна Ӏохкуш хир ю. 34 ТӀаккха ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаӀаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагӀийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоӀур ду. 35 ДӀатесна Ӏуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоӀур ду, шу цунна тӀехь Ӏаш долуш, шена садаӀа дӀа ца еллачу ханна.
36 Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагӀийн мехкашкахь Ӏачу хенахь. Дегочу гӀанан гӀовгӀанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тӀаьхьа ца ваьллашшехь. 37 Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тӀаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагӀашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. 38 Кхечу къаьмнашна юкъахь Ӏаш а долуш, дӀакхелхар ду шу, шайн мостагӀийн лаьтто дӀа а кхаьллина. 39 Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагӀийн мехкашкахь маргӀалбулур бу.
40 ТӀаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, 41 Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагӀийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гӀуда текхча а, 42- 26:42 а: Доладалар 28:13, 14; б: Доладалар 26:3, 4; в: Доладалар 17:7, 8. Суна дагабогӀур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахӀимца а бина барт а, дагадогӀур ду латта а. 43 Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоӀучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тӀедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тӀе ца эцарна. 44 Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагӀийн лаьтта тӀехь Ӏачу хенахь а, Со царах дӀавоьрзур вац, уьш хӀаллакбархьама дӀа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву. 45 Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву».
46 ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тӀедехкинарш а, хьехамаш а.
27Везачу Элана лерина долчух лаьцна
1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь, 3 бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина. 4 Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу. 5 Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу. 6 Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу. 7 Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.
8 Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.
9 Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду. 10 Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду. 11 Нагахь далийна бежана Далла хьалха цӀена а доцуш, Везачу Элана сагӀина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тӀе. 12 Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза. 13 Нагахь цхьаъ иза юхаэца гӀерташ велахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетохийта цуьнга.
14 Нагахь цхьаъ шен цӀа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цӀийнан мах. 15 Нагахь цу стагана шен цӀа юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха цӀа цуьнан хир ду.
16 Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дӀаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тӀехь пхи гали мукх дӀабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу. 17 МеттахӀотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хӀоттийнарг хир бу. 18 Нагахь меттахӀотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тӀедогӀучу меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хӀотто беза динан дас. 19 Ша дӀаделла кха стагана юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха латта цунна дуьсур ду. 20 Нагахь цо дӀа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц. 21 МеттахӀотторан шарахь и кха дӀахецча, иза Далла дӀакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.
22 Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дӀаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь, 23 динан дас, МеттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дӀабала безаш бу цу стага – и ахча Везачу Элана дӀакъастийна хир ду. 24 МеттахӀотторан шарахь хьалха хиллачу хӀусамден – латта доьхкинчу стеган – дола юхадоьрзу и латта.
25 Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер+ 27:25 *Гер *– цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.* хила еза.
26 Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хӀунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагӀ белахь а, бож елахь а – Везачу Элан ду иза. 27 Даьхни хьарам делахь, ахь хӀоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хӀоттийначу мехах дӀадохка мегар ду иза.
28- 27:28 Лелар 18:14. Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац. 29 Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац – уьш дайа дезаш ду.
30- 27:30-33 Лелар 18:21; Карлабаьккхинарг 14:22-29. Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. 31 УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза. 32 Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза. 33 Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».
34 ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.