Тийжамийн
тептар
Дешхьалхе
ХӀокху тийжамийн тептар тӀехь пхи байт ю. Ӏийса дуьнен чу валале, 586-гӀачу шарахь Ярушалайм-гӀала йохор а, иза дакъазаяккхар а, нах йийсаре бигар а ду царна чохь далхош дерг. Тептаран белхаран хатӀ делахь а, Делах тешаран а, хиндолчух сатийсаран а дешнаш ду цу тӀехь. ХӀора шарахь жуьгташа дагабоуьйту халкъана хилла и бохам. Цу деношкахь цара марханаш а кхобу, белхарш а латтадо, иштта хӀара байташ а йоьшу.
1Ярушалайман бала
1 А дам+ 1:1 *ХӀокху тептаран кортош 1–4 абатан кепехь ду, абат кхачаме хиларе терра, цхьана тайпанан кхачамалла а гойтуш.* мацах дукха хилла йолу гӀала,
цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гӀала.
Лаьтташ ю иза йисна Ӏачу зудчух таръелла.
Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гӀала.
Мехкашна тӀехь а эла хилла лаьттина и гӀала.
Ясакх луш ерг санна хилла дӀахӀоьтти-кх и гӀала.
2 Б уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца.
БӀаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тӀехула охьаоьхуш.
Вац-кх цхьа а иза тейийриг
и езначу массарна а юкъахь.
Цуьнан берриг доттагӀий а ямарта хили цунна.
МостагӀий а хилла, дӀахӀитти-кх уьш цунна.
3 В он тӀе а догӀуш, халчу лоллехь иза хили,
ЯхӀудан халкъ йийсаре ма диги.
Хийрачу мехкашкахь даха иза хаийти,
амма цхьа а синтем цунна-м ца карий.
Массо а цуьнан мостагӀий цунна тӀаьхьабевли.
Готта йолчу оцу меттехь уьш цунна тӀекхии.
4 Г ӀайгӀанехь ма ду Цийонан+ 1:4 *Цийон *– иза Ярушалайм-гӀалахь цхьа лам бу. Цу лома тӀехь Делан цӀа дара лаьтташ.* некъаш,
Царна тӀехула ца леларна деза де даздийраш.
Ма яссаели хӀинца цуьнан ерриг а ков-керташ,
Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ.
ЙоӀарий а ма бу цуьнан йоккхачу гӀайгӀанехь.
Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а.
5 Д ӀахӀитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагӀий,
Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу.
Везачу Эло цунна и вон тӀедаийти,
Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду.
МостагӀашна хьалха, йийсаре а дахана,
Доьлхуш, дӀаоьхуш цуьнан бераш а ду.
6 Е ли-кх дӀа Цийонан
йоьӀан+ 1:6 *Цийонан йоӀ *– иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.* хазалла.
Элий а бу цуьнан,
дежийла доцу сеш санна,
дерриг гӀора дӀа а даьлла,
таллархочунна хьалха бевлла.
7 Ж оп а лоьхуш, баланехь а,
гӀело хьоьгуш а ша лелачу хенахь,
дагаяьхки Ярушалаймана тоххара хьалха
шен долахь мел хилла йолу хазнаш.
МостагӀчун карах цуьнан халкъ доьжча,
цунна гӀо дан цхьа а дӀа ца хӀоьттира.
Сийсаз а еш, иза хӀаллакьхилча,
цуьнан мостагӀий цунах кхаьрдира.
8 З ене долу къинош летадора Ярушалаймо.
И бахьанехь догдели нехан а цунах.
Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш
хьоьжу хӀинца массо а ца бешаш цунах,
гарна шайна и хӀинца ерзинаяьлла.
Ша а цо ма доху даккхий синош хӀинца,
шена эхь хетарна, дӀа а йоьрзуш.
9 И боьха томмагӀа юх тӀехь дара цуьнан.
Ца йора цо ойла шех хиндолчун.
Цуьнан йожарх нах инзарбевллера.
Вац-кха цуьнан догъэца хӀинца цхьа а.
«Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гӀайгӀа-балане,
ХӀунда аьлча сан мостагӀа вазвелла дӀахӀоьтти!»
10 К уьг цунна тӀе ма кховдийна буьрсачу мостагӀчо,
Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хӀуманна тӀе.
Хьан деза долчу цӀа чу боьлхуш
го цунна кхечу къаьмнех берш.
Царах лаьцна Ахь омра ма дина,
Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.
11 Л оьхуш напха шена, доккха са а дохуш,
Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла,
Шен мехала мел йолу хӀума цо юучух дӀало,
ша гӀелделла доллушехь, дийна дисархьама.
«Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху –
юьхьӀаьржачу хӀоьттина долу сан хьал хӀинца муха ду.
12 М ассо а новкъахула тӀехдовлурш, шуна иза хӀумма а дац!
БӀаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш?
Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна?
Буй те иштта бала, суна белларг санна?
Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна
Ша оьгӀазваханчу цу халчу дийнахь.
13 Н ийсса лакхара Цо цӀе охьа ма теси,
сан даьӀахкашна иза кӀоргге чу ма ели.
Со дӀалоцу бой Цо сан когашка теси.
Со, охьа а йожийна, Цо юха ма ерзийти.
Сан синах а кхетта, Цо со дӀа ма теси,
Дийнахь сарралц Цо со гӀелйина дӀахӀоттий.
14 О ццул долу сан къинош вовшех а дуьйцина,
шен куьйгаца царах суна дукъ Цо дина.
ТӀаккха и дукъ суна Цо коча диллина,
иза бахьанехь сан берриг а ницкъ гӀелбалийтина.
Хьалдолчу Эло дӀаелла-кх со
схьаялалур йоцучеран кара.
15 П Ӏелг Шен меттахбаккхарца дӀатеси Хьалдолчу Эло
Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тӀемалой.
ТӀаккха суна дуьхьал Цо эскарш дӀахӀиттий,
Цаьрга хӀаллакбайтархьама сан къона тӀемалой.
Мутт доккхучу гӀирсо санна, Цо дӀахьаьши
яхӀудхойн йоӀ йолу и Ярушалайм-гӀала.
16 Р еза йоцуш йоьлху со,
бӀаьргаш бӀаьрхих дуьзна сан.
Вац со денъян цхьа а,
тейийриг а вац-кха сан.
Бераш ду сан дог доьхна,
МостагӀа шайл тоьлла дела».
17 С атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно,
амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а.
Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина,
цуьнан лулахойх Цо мостагӀий цунна бина.
Царна юкъахь Ярушалайм-гӀала
дӀахӀоьтти-кх сийсазниг а хилла.
18 « Т къа Веза Эла бакъонца ма лела,
Цуьнан даше ас ла ца доьгӀна дела.
Сан балане хьажий,
ладогӀалаш, халкъаш,
Сан йоӀарий, сан къонахий
йийсарехь ма бу.
19 Х олчу хӀоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со.
Амма цара, ле а йина, Ӏехийра со.
Сан динан дай, сан къаной,
шайн са кӀелхьардаккхархьама,
шайна напха а лоьхуш,
лечу хьола тӀе бевлла.
20 Х ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна,
Суна чохь мел йолу хӀума егаеш дӀахӀоьтти.
Дог а меттахдаьлла сан,
Хьуна ас дуьхьало ярна.
Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи.
ЦӀера хьал, ялар санна, ма ду сан хӀинца.
21 Ц арна ас узарш деш хезна,
Вац-кха сан догъэца цхьа а.
ДӀахезна сан мостагӀашна
Со къизачу баланехь хилар.
Айхьа аьлла де тӀедаийтахьа,
Уьш а Ахь сох дӀатарбехьа.
22 Ӏ есаллица цара мел динарг
Хьуна хьалха дӀахӀуттийла.
Сан къинош бахьанехь суна динарг
Ахьа царна а дойла.
Тийжамаш сан бу-кха гӀийла,
Дог а сан мел гӀелделла».
2Ярушалайм-гӀалина бина бекхам
1 А ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий
Цийонан йоӀ Шен оьгӀазаллица!
Исраилан халкъан сийлалла стигалара
Цо лаьтта тӀе охьатеси.
Ша оьгӀазваханчу цу дийнахь
Шен когийн кӀело+ 2:1 *Когийн кӀело *– иза Ярушалайм-гӀала я цигахь лаьтташ долу Делан цӀа ду.* Цунна дага ма ца еа.
2 Б ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хӀаллакби.
Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дӀабаьккхи.
Ша дарвеллачохь Цо йохийна дӀаяьккхи
ЯхӀуд-мехкан ерриге а чӀагӀйина йолу меттигаш.
Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси,
сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки.
3 В уно чӀогӀа дар а велла, Ша оьгӀазвахча,
Исраилан берриг а ницкъ Цо хӀаллакбина дӀабаьккхи.
МостагӀий царна хьалха дӀахӀиттича,
Шен аьтту куьг царна тӀера Цо юхадерзий.
Цо иза дича, йогуш йолчу цӀеро санна,
вайн махкара гонах мел дерг Цо дӀа ма кхаьлли.
4 Г онахарчу мостагӀчо санна,
секхаӀад Цо тӀехьажий.
Куьг тӀе а кховдийна, мостагӀчо санна,
бӀаьргана мел безнарш хӀаллакби.
ЦӀе санна йолу Шен дералла
Цийонан йоӀан четар чу Цо охьаӀаний!
5 Д ӀахӀоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагӀа хилла,
Исраилан мохк берриг а Цо хӀаллак ма би.
Цуьнан паччахьан гӀишлош йохийна дӀа ма ехи.
Цуьнан ерриг а чӀагӀонаш дакъазаяьхна йити.
ЯхӀудан йоӀ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий
хӀинца чӀогӀа алсам Цо ма даьккхи.
6 Е рриге а Шен гӀишло, бешахь лаьтта цӀа санна йолу, Цо тӀепаза дӀаяьккхи.
Шен гуламан меттиг а Цо хӀаллакйина дӀаяьккхи.
Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти.
Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти.
ЧӀогӀа Ша оьгӀазваханчохь Цо паччахьаш дӀатеси.
Ша чӀогӀа дарвеллачохь динан дайх Иза дӀавирзи.
7 Ж ирга+ 2:7 *Жирга *– дегаза; тамехь доцург; даго тӀе ца лоцу хӀума.* а хетта, Шен сагӀа доккху кхерч юха а тоттуш,
Хьалдолу Эла Шен цӀийнах дӀавирзи.
Цуьнан дерриш а пенаш
мостагӀийн кара Цо дахийти.
Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади.
Везачу Элан цӀа чохь цара йоккха гӀовгӀа ма яьккхи.
8 З Ӏенашца санна, гӀалина гонах сиз а хьокхуш,
билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо.
Цийонан йоӀан пен божорхьама
Шен куьг юха ца даьккхира Цо.
Арахула йолу чӀагӀонаш, пенашца цхьаьна
хӀаллак а йина, елхийтира Цо.
9 И дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана.
Церан дерриг а гӀораш а, дохийна, дӀа ма даьхна.
Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна.
Товрат-хьехамаш Ӏамо кхин цхьа а вац.
Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хӀуьтту
Везачу Элера долу суьрташ.
10 К ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина,
Цийонан йоӀан къаной лаьтта тӀе охьахевшина.
Цара шайн кортошна тӀе ченаш а ма тийсина.
Сингаттаман бедарш цара догӀмаш тӀе а юьйхина.
Ярушалайман йоӀарша а, гӀайгӀанехь дӀа а хӀиттина,
халахетарца кортош шайн охьадахийтина.
11 Л едарадевлла-кх сан бӀаьргаш, бӀаьргех хиш охьадарна.
Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна.
Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна.
И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна,
Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна,
ГӀалин урамашкахь Ӏохкуш хиларна.
12 М арахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу:
«Мичахь ду те бепиг, чагӀар?»
ТӀаккха, чевнаш хилларш санна,
гӀалин урамашкахь охьа а оьгий,
кийрара шайн синош дӀа а хоьций,
шайн нанойн карахь дӀадовлу уьш.
13 Н ийсадерг хӀун эр дара хьоьга, стенца хьо юста,
Ярушалайм, ва сан йоӀ?
Стенах хьо таръе ас, хьо теярхьама,
ва йоӀстаг йолу хьо, Цийонан йоӀ?
Чов ю хьан, хӀорд санна кӀорга,
ХӀинца хьан тойийр яра те хьо?
14 О лура хьан пайхамарша
даьссаниг а, харцдерг а.
Хьо йийсаре ца яхийта,
гучу ца яьккхира хьан Ӏесалла.
Цара дуьйцу хиндерш а,
адам ледеш, харц ма ду.
15 П е а бетташ, гӀалина уллохула мел лелачу наха
хӀинца куьйгаш шайн вовшах ма детта.
Кортош а лестош, цара шакарш етта.
Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту:
«Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гӀала хӀара ю те?
Шех хазахетаран бохь бу аьлла гӀала хӀара ю те?»
16 Р езахиларца хиллачунна хьан мостагӀий хьох кхаьрда,
Цергаш хьекхош, цабашарца цара шакарш ма етта.
«Вай кху дийне са а тийсира,
вайна иза ган а ги,
Вай и хӀинца дӀа а кхаьлли», –
цара хӀинца ма эли.
17 С интем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди,
хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара.
Хьо къизаллица Цо хӀаллакйи,
Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара.
И мостагӀчунна хазахийти.
Хьо цаезначийн ницкъ айи.
18 Т ийналлица кхойкху Хьалдолчу Эле адамийн дегнаша.
Тергам белаш хӀинца аша, Цийонан йоӀан пенаша,
Дийнаххьий, буьйсанний,
Ӏовраш санна, бӀаьрхиш хьан оьхийла.
Хьан синтем а ма хуьлийла,
хьан бӀаьргийн садаӀар а ма хуьлийла.
19 У замаш беш кхайкхарца,
буьйсанан хӀора дакъа долалуш,
Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна,
Ӏанаде Везачу Элана хьалха.
Хьайн куьйгаш кховдаде доӀанца Цуьнга,
Хьайн берийн синош Цо Ӏалашдар доьхуш,
Урамийн сенашкахь
уьш мацалла лечу хенахь.
20 Х ьажахьа Хьо, Веза Эла,
Ахь хьанна и дина!
Дезий те зударша шайн бераш даа,
Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу?
Хьалдолчу Элан цӀа чохь байъина
хила безий те динан дай а, пайхамарш а?
21 Ц у урамийн ченалахь ма Ӏохку
бераш а, къаной а охьаэгна.
Сан йоӀарий а, кегий нах а
мостагӀчун туьро охьабехкина.
ОьгӀазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хӀаллакбира.
Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира.
22 Ӏ аьржа баланаш массо а агӀор Ахь суна тӀебалийра.
Дезачу денна кхойкхуш санна, Ахь уьш суна тӀебалийра.
Везачу Эло оьгӀазалла ша йинчу ва дийнахь
Цхьа а дийна ца висира, цхьа а кӀелхьара ца велира.
Ас лелийна мел берш, кхиийна мел берш
мостагӀчо хӀаллакбина дӀабехира.
3ГӀайгӀанехь воллушехь, сатийсам хилар
1 А лссам бу аса хьегна баланаш
Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.
2 А раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане,
серло йоцчохь со лелийтархьама.
3 А ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна,
Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.
4 Б илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина,
сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна.
5 Б оккха го бира Цо суна,
къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.
6 Б оданечу метте охьахаийна Цо со,
тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна.
7 В езачу Эло буржалш тоьхна суна,
кӀелхьар ца валийта го бина суна.
8 В езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа,
со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.
9 В езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна,
со лела некъаш а галдехи Цо.
10 Г амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна.
КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна.
11 Г амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи,
цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со.
12 Г Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со,
Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна.
13 Д ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра
пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо.
14 Д ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти,
шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.
15 Д Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло,
сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.
16 Е рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи,
лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.
17 Е ли сан даг чуьра маршо а дӀа.
Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.
18 « Е рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан,
берриг а ницкъ дӀабели сан», – элира ас тӀаккха.
19 Ж ирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна,
ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
20 Ж олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза,
ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца.
21 Ж им-жимма делахь а, юхадоьрзу
сан сатийсар, суна иза дагадеача:
22 З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна+ 3:22 *Я иштта: *Заманашкахь чекх ца болучу Везачу Элан безам бахьана долуш вай дӀа ца кхаьллина.*,
ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.
23 З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш,
Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!
24 З ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду,
цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!»
25 И штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна!
Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!
26 И штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар,
гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар.
27 И штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш,
собаран дукъ лело иза Ӏемича.
28 К ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела,
тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза.
29 К хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха,
хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.
30 К хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо.
Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.
31 Л арам а беш, Хьалдолчу Эло
гуттаренна а вуьтур вац иза.
32 Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо,
Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
33 Л аа а лууш ца до Везачу Эло
адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.
34 М а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший
кху лаьттара массо а тутмакх.
35 М а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха
адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.
36 М а го-кх Хьалдолчу Элана,
адамна кхел нийса еш ца хилча.
37 Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен,
нахана лиънарг кхочуш хир дац.
38 Н ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен,
хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?
39 Н агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча,
къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага.
40 О цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина,
Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.
41 О цу стигалшкахь волчу вайн Деле
хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.
42 О ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо.
Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.
43 П аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча,
тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.
44 П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо,
тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.
45 П ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь
нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
46 Р еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу,
вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу.
47 Р агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а,
дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.
48 Р оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша,
сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш.
49 С ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца,
бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,
50 с тигаларчу Везачу Элана,
охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц.
51 С ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш,
сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со.
52 Т Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина,
со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш.
53 Т утмакх санна, со ор чу а кхоьссина,
дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина.
54 Т Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча,
ас элира: «Со хӀаллакьхили».
55 У р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а
Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла!
56 « У зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» –
аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа.
57 У ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича,
Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» – элира.
58 Х ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву,
сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву.
59 Х ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон.
Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел.
60 Х ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш.
Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
61 Ц еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла,
Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.
62 Ц ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла.
Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.
63 Ц ара, хьажахьа, Веза Эла,
шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо.
64 Ӏ аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла,
цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина.
65 Ӏ аьржа дог царна чу Ахь диллахьа,
Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь.
66 Ӏ анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа,
Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа!
4Ярушалаймана дина таӀзар
1 А нгали санна долу деши а ма кхоьлина ду-кх,
и тоьлла долу деши а ма хийцаделла-кх.
Урамашкахула маьӀ-маьӀӀехь дӀасакхийсина ду-кх
Делан цӀийнан деза тӀулгаш а.
2 Б еза болу Цийонан кӀентий,
цӀеначу дешин мехах берш,
кхийрачу пхьегӀийн меха а бина,
куьпчичо бинарш санна ма лору.
3 В уно къизачу чангӀалкхо а накха ло
шен кӀорнеш юзорхьама,
ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дӀахӀиттина,
яьссачу аренгахь шен хӀоаш дӀатосу олхазар санна.
4 Г о хӀинца декхаш долчу берийн меттанаш
хьогаллина багара стигалх летта хилар.
Кегийчу бераша а бепиг доьху,
амма цхьаммо а ца ло царна иза.
5 Д ерстинчу женах шаьш дузош хилларш
хӀинца-м мацаллех урамашкахь леш бу.
Хьалха дезачу кӀадинах йина бедарш лелийнарш
хӀинца-м нехаш кегош лелаш бу.
6- 4:6 Доладалар 19:24. Е рриг Седам-гӀалин къиношна динчу таӀзарал а тӀехдаьлла
Везачу Эло сан халкъан йоӀарша хьерчийначу къиношна дина таӀзар.
Иза-м цу сохьта хӀаллакйина дӀаяьккхира,
ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера.
7 З аманашкахь къобалбина цуьнан элий
лайл а цӀена, шурел а кӀайн бара.
Церан догӀмаш а ма дара цӀарула-цӀечу басахь.
Церан куц а ма дара жовхӀарх тера.
8 Ж олам-яӀ, хӀинца-м кӀоранал а Ӏаьржа ю церан яххьаш.
Урамашкахь цхьанна а бовза а ца бевза уьш.
Церан дегӀан чкъор а ма ду даьӀахкех а летта,
дечиг санна, дакъа а делла.
9 И штта, тур тоьхна байинарш ирсе бу
мацалло байиначарал.
ХӀорш меллаша леш ма бу,
ялтин кхачам ца хиларна.
10- 4:10 Карлабаьккхинарг 28:57; Яхьазкхиал 5:10. К Ӏеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а
шайн бераш кхехкадора,
шайна юучунна уьш хилийта,
сан халкъана тӀе бохам баийтича.
11 Л атийра Везачу Эло Цийонехь цӀе,
иза бухара дуьйна яга а еш.
ОьгӀазвахара Веза Эла,
Шен дералла тӀехьажийра Цо Цийонна тӀе.
12 М ассо а адамаш, кху дуьнен чохь дехаш долу,
лаьттара паччахьаш а тешаш бацара,
Ярушалайман кевнашкахула
мостагӀа чекхвер ву аьлча.
13 Н ийсо лелочеран цӀий Ӏанош болчу
цуьнан пайхамарша мел летийна къинош,
цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш
бахьана долуш и дерриг а хилира.
14 О цу урамашкахула, бӀаьрзенаш санна,
лелаш бара пайхамарш а, динан дай а.
Ур-атталла церан бедарех хьакхавала а ваьхьар воцуш,
цӀий дара царна тӀехь.
15 П аргӀат мохь хьоькхура царна тӀе:
«ДӀасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» – бохуш.
ТӀаккха уьш, боха а бухий, дӀасабовлура.
Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».
16 Р еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дӀавирзинера.
Цо уьш массанхьа а дӀасакхиссинера.
Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира,
шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.
17 С ирла бӀаьргаш гӀелделла-кх тхан,
гӀо кхачаре эрна ла а дегӀна.
Тхо кӀелхьара ца дахалуш долчу халкъе
ха дечу бӀов тӀера тхо эрна охьахьийжира.
18 Т къа мостагӀаша-м тхан лараш толлура,
тхо тхешан урамашкахула ца лелийтархьама.
ТӀееа тхан тӀаьххьара зама, тхан тӀаьххьара денош а тӀедаьхки,
тӀекхечи тхан тӀаьххьара сахьт а.
19 У ьш, тхуна тӀаьхьабевлларш,
стигаларчу аьрзунел а чехка бара.
Лаьмнашкахула тхуна уьш тӀаьхьабевлира,
яьссачу аренгахь тхуна цара кӀело а йира.
20 « Х алкъашна юкъахь дехар ду вай
цуьнан ӀиндагӀехь» – оха аьлла верг,
тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг,
мостагӀийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.
21 Ц хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна
ӀуцӀа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ!
Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тӀекхочур буйла,
тӀаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла.
22 Ӏ есаллина дина таӀзар чекхдели хьан, Цийонан йоӀ,
кхидӀа йийсарехь Цо хьо юьтур яц.
Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таӀзар, Эдоман йоӀ,
Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош.
5Нах Везачу Элехьа берзоран доӀа
1 Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций,
тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре.
2 Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана.
Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна.
3 Да а воцуш, байлахь дисна тхо.
Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна.
4 Тхешан долу хи а детих эца деза тхан.
Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна.
5 Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина.
Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан.
6 Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха,
дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха.
7 Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац.
Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду.
8 Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь,
цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха.
9 Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела,
даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха.
10 Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана,
дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.
11 Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь.
Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь.
12 Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина,
тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу.
13 Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту.
Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу.
14 Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш.
Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.
15 Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца.
Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца.
16 Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна.
Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду!
17 Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш.
Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла.
18 Цийон-лам бассабаларна,
чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш.
19 Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву.
Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду.
20 Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо?
Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа?
21 Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга!
Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара.
22 Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо?
Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна?