ЮшаӀан

тептар

Дешхьалхе

Муса-пайхамар веллачул тӀаьхьа ЮшаӀ халкъан хьаькам хилла дӀахӀоьттира. Цуьнан куьйгаллица исраилхой КанаӀан-махка чу боьлху цигахь Ӏархьама. ЮшаӀан тептар тӀехь дерг – КанаӀан-мохк схьабаккхарх долу дийцар ду. Тептар тӀера хьахо тарло: Йордан-хил дехьадовлар, Ерихон-гӀалина тӀелатар, ГӀай-гӀала йолчохь бина тӀом, Дала Шен халкъаца бина барт карлабаккхар. Уггар дика хууш долчу аятех цхьаъ хӀара ду: «Тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду... Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю» (24:15).

1

Дала ЮшаӀна тӀедиллинарг

1 Шен ялхо Муса кхелхинчул тӀаьхьа Везачу Эло Мусан гӀоьнча хилла волчу Нунин кӀанте ЮшаӀе элира: 2 «Сан ялхо Муса кхелхина. ХӀинца хьо а, дерриг а хӀара халкъ а, хьала а гӀаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тӀе. 3- 1:3-5 Карлабаьккхинарг 11:24, 25. Шун ког тӀебер болу муьлхха а меттиг Ас дӀало шуна, Мусага Айса ма-аллара. 4 Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тӀера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тӀекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тӀера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хӀорда тӀекхаччалц хир ду. 5- 1:5 Карлабаьккхинарг 31:6, 8; Ӏебархошка 13:5. Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас. 6- 1:6 Карлабаьккхинарг 31:6, 7, 23. ЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. 7 ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо. 8 Деша хӀара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Ӏамаде иза, кху тӀехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТӀаккха айхьа дечу гӀуллакх тӀехь чӀогӀа аьтто хуьлуш а, чӀогӀа беркат долуш а хир ву хьо. 9 Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».

Йордан-хих дехьадовла кечамбар

10 Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаӀа: 11 «Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».

12- 1:12-15 Лелар 32:28-32; Карлабаьккхинарг 3:18-20. Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаӀа элира: 13 «Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агӀор долу латта шуна дӀадала, иза шун мохк хилийта“. 14 Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тӀехь совца, ткъа массо а тӀом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тӀе а гӀой, гӀо де царна. 15 Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».

16 Наха ЮшаӀана жоп делира: «Ахь тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дӀахьажийначу гӀур а ду тхо. 17 Мусага ма-доггӀара, хьоьга а ладугӀур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! 18 Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тӀедиллинчу хӀуманна тӀехь хьоьга ла ца доьгӀнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила!»

2

Къайлаха вахийтина ши стаг а, нахаца лела зуда Рахьаб а

1- 2:1 Ӏебархошка 11:31; Якъуба 2:25. Нунин кӀанта ЮшаӀа Шитим цӀе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гӀой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гӀаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цӀе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Ӏаш. Цуьнан цӀийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг.

2 Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла».

3 ТӀаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу».

4 Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву. 5 Сарахь гӀалин ков дӀакъовлале, и шиъ дӀавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тӀаьхьагӀахь, шу тӀаьхьакхиа а мега царна». 6 Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тӀехь кхалор йоцчу тхов тӀе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу втанан цӀевнаш юккъе дӀалачкъийнера цо.

7 Паччахьан нах гӀалех арабевлира. Ков царна тӀаьххье сихха дӀакъевлира. Шина исраилхочунна тӀаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дӀабахара уьш.

8 Ши исраилхо дӀавижале, зуда тхов тӀе хьалаелира и шиъ волчу. 9 Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. 10- 2:10 а: Арадаккхар 14:21; б: Лелар 21:21-35. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна. 11 Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хӀунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. 12 Ткъа хӀинца Везачу Элах чӀагӀо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цӀийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна, 13 сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Ӏожаллех кӀелхьардохур ду алий».

14 Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гӀуллакх аш дӀа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хӀара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду».

15 Цу зудчун цӀенош гӀалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира. 16 Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тӀе, дӀагӀо, шайна тӀаьхьабевлларш тӀе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Ӏе цигахь дӀаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тӀаьхьа шайн новкъа дӀагӀор шу».

17 Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чӀагӀонах тхо паргӀат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь: 18 тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хӀара цӀен тӀийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Ӏаш йолчу цӀа чу гулбе. 19 Нагахь цӀа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цӀа чохь волчунна тӀе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цӀий тхох хьаьрчар ду. 20 Нагахь ахь оха деана гӀуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чӀагӀонах тхо а паргӀат хир ду».

21 Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дӀа а хьажийна, корах цӀен тӀийраг йихкира цо.

22 Лам тӀе а веана, цигахь кхаа дийнахь Ӏийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хӀара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах. 23 Лам тӀера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кӀантана ЮшаӀана тӀевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо. 24 Цара элира ЮшаӀе: «Везачу Эло дерриг а хӀара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».

3

Йордан-хих дехьадовлар

1 ШолгӀачу Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а Шитим цӀе йолчу меттера Йордан-хи тӀе баьхкира. Цигахь меттамотт а хӀоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тӀекхаччалц. 2 Кхо де даьлча, нахана тӀехь хӀиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула. 3 Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказ а, иза дӀахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гӀовттий, царна тӀаьххье дӀагӀо. 4 Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».

5 ЮшаӀа халкъе элира: «ЦӀин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш гойтур ду». 6 Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира. 7 ТӀаккха Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта. 8 Ахь тӀорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий».

9 ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа. 10 Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаӀанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гӀиргӀашахой а, эмархой а, явсайхой а. 11 Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду. 12 Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хӀора тайпанах цхьацца. 13 Дуьненан Да волчу Везачу Элан тӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТӀедогӀуш долу хи, пен а хилла, дӀахӀуттур ду». 14 Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара. 15 ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), 16 лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. 17 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.

4

Йордан-хих дехьадовлар дагахь латто хӀиттийна тӀулгаш

1 Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира: 2 «Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца. 3 Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш».

4 Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа. 5 Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш. 6 И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“ – аьлла. 7 Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“».

8 ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара. 9 Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь. 10 Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира.

Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара. 11 Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша. 12 Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара. 13 ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара. 14 Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц.

15 Везачу Эло ЮшаӀе элира: 16 «Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де». 17 ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» – аьлла. 18 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш.

19 Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. 20 Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа. 21 Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“ – аьлла, 22 аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“. 23 Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна. 24 Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».

5

1 Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.

Галгалехь божарий сунтбар

2 Цу хенахь Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мокхазах арсаш а дай, исраилхой сунтбе». 3 ЮшаӀа, мокхазах арсаш а дина, Сунтбаран гу аьлла, цӀе тиллинчу меттехь исраилхойн божарий сунтбира. 4 ЮшаӀа уьш сунтбаран бахьана хӀара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, тӀом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера. 5 Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара. 6- 5:6 Лелар 14:28-35. Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира. 7 Церан метта церан кӀентий кхиийтира Везачу Эло. Уьш бара ЮшаӀа сунтбинарш, новкъахь сунтбаза бисарна.

8 Берриш а сунтбинчул тӀаьхьа, шайн меттамотт болчохь севцира нах, божаршна гӀоле хиллалц. 9 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тӀера дӀадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цӀе Галгал+ 5:9 *Галгал *– иза Ӏебархойн маттахь «дӀадаьккхина» бохучух тера ду олучу хенахь.*, хӀинца а олу цунах иза.

10- 5:10 Арадаккхар 12:1-13. Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгӀачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. 11 ШолгӀачу дийнахь совсаза бепиг а, кхаьрзина буьртигаш а диира цара. 12- 5:12 Арадаккхар 16:35. Цу лаьттан стоьмаш баа хӀорш буьйлабеллачу шолгӀачу дийнахь стигалара охьаоьху « ман» олу кхачанан буьртигаш дӀасевцира. Цул тӀаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаӀан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь.

ЮшаӀ а, туьраца волу стаг а

13 Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаӀана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаӀа, тӀе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагӀех ву?» – аьлла.

14 Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хӀинца кхуза веана».

Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьӀна, ЮшаӀа элира: «Шен лай волчуьнга хӀун эр ду сан эло?»

15 Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаӀе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаӀа цо боххург кхочушдира.

Ерихон-гӀала хӀаллакьхилар

16 Ерихон-гӀала дӀакъевлина яра. Цуьнан бахархой исраилхойх кхерабелла бара. ГӀалара ара а, я чу а волуш стаг вацара.

6

1 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ас хьан кара дӀало Ерихон-гӀала шен паччахьца а, тӀемалошца а. 2 Хьо а, хьан тӀемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гӀалина гонах лела. 3 ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа дӀаяхьа еза дезачу тӀорказна хьалха. ВорхӀалгӀачу дийнахь аша гӀалина ворхӀ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гӀалина гонах мел лела, маӀаш локхур ю. 4 Локхучу маӀан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чӀоггӀа мохь хьакха беза, тӀаккха гӀалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тӀаьхьа шу массо а гӀали чу гӀур ду».

5 Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий». 6 Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гӀой, гӀалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тӀорказна хьалха а довлий, дӀагӀо».

7 ЮшаӀа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхӀ маӀа эцна воьдучу ворхӀ динан дас, хьалха дӀа а волавелла, маӀаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ царна тӀаьххье дӀадаьхьира. 8 Герзашца берш маӀаш лоькхуш богӀучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маӀаш а яра. 9 ЮшаӀа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тӀекхаччалц, тӀаккха маьхьарий тухур ду аша». 10 Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.

11 ШолгӀачу Ӏуьйранна ЮшаӀ хьалххе хьалагӀаьттира. Динан дайша Везачу Элан тӀорказ юха а дӀадаьхьира. 12 Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра. 13 Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.

14 ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го. 15 Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала! 16 ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. 17 Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша. 18 Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».

19- 6:19 Ӏебархошка 11:30. Локхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира – гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза. 20 Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а.

21 Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара». 22 ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира. 23 Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира. 24- 6:24 Ӏебархошка 11:31. Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.

25- 6:25 Сулим 16:34. Цу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг.

Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву.

ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».

26 Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.

7

Ӏахана латийна къа

1 Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Ӏахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хӀуманаш (Ӏахан вара Кармин кӀант, ткъа Карма вара Завадин кӀант, Завади вара Зерахьан кӀант). ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна.

2 Ерихонера ГӀай-гӀала нах бахийтира ЮшаӀа. ГӀай-гӀала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гӀалина малхбалехьарчу агӀор яра. Цу нахе ЮшаӀа элира: «Даха а гӀой, талла и меттиг». ДӀа а бахана, ГӀай-гӀалане хьаьвсира уьш. 3 ЮшаӀ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГӀай-гӀала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал». 4 Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гӀалина тӀелата, амма уьш ГӀай-гӀалин бахархоша лаьхкира. 5 Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГӀай-гӀалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тӀулг боккхучу метте кхаччалц дӀабигира цара и исраилхой. Лам тӀера чубуьссучу хенахь байира уьш ГӀай-гӀалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора.

6 Шен бедарш а этӀийна, Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Ӏиллира ЮшаӀ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тӀе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. 7 ЮшаӀа элира: «Хьалдолу Эла! Йорданал сехьа хӀара халкъ стенна даьккхина Ахь? Эмархойн кара а делла, тхо хӀаллакдайтий? Буха а севцна, Йорданал дехьа Ӏаш делара тхо! 8 Веза Эла! ХӀун ала деза ас хӀинца, исраилхой шайн мостагӀех бевдда хилча? 9 КанаӀанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хӀара хӀума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тӀехь ур-атталла тхан цӀе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цӀе муха ларйийр ю Ахь тӀаккха?»

10 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «ХьалагӀатта, хьо хӀунда воьжна бертал? 11 Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хӀуманаш, схьа а эцна, шайн хӀуманаш юккъехь дӀалачкъийна цара. 12 Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагӀашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хӀаллакбаран кхел йина дела. Со кхидӀа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хӀуманаш аша шайна юкъара дӀа ца яхахь. 13 Хьала а гӀаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Ӏуьйре тӀекхачале, цӀан а лой, дӀахӀитта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хӀуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дӀаяххалц, шу мостагӀашна дуьхьал латталур дац’. 14 Кхана шайн тайпанашца тӀедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тӀедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тӀедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогӀуш, тӀебан беза. 15 Суна лерина хӀуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цӀергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гӀуллакх дина дела“».

16 ЮшаӀа, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тӀедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхӀудан тайпа дара. 17 ЯхӀудан тайпа тӀе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тӀедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. 18 Цу доьзале, цхьацца стаг тӀевогӀуш, тӀедуьйла элира ЮшаӀа. Кармин кӀант Ӏахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кӀант вара, Завади Зерахьан кӀант вара. Уьш ЯхӀудан тайпанах бара. 19 ТӀаккха ЮшаӀа элира Ӏахане: «Сан кӀант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гӀерта».

20 ЮшаӀана жоп луш, Ӏахана элира: «Бакъ ду, ас къа латийна исраилхойн Везачу Далла хьалха. Ас динарг хӀара ду: 21 схьаяьккхинчу хӀонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бӀе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хӀуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду».

22 ЮшаӀа нах бахийтира Ӏаханан четарх хьовса. Сихонца баханчу царна дӀалачкъийна хӀуманаш карийра, царна бухахь дети а дара. 23 ХӀуманаш, четарна чуьра схьа а эцна, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а болчу схьа а еана, Везачу Элана хьалха охьаехкира цара. 24 Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаӀа Зерахьан кӀант Ӏахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Ӏаханан кӀентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагӀий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Ӏахур-тогӀи чу схьадеара (Ӏахур – иза «сингаттам» бохург ду). 25 ЮшаӀа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тӀулгаш а кхиссина, Ӏахан а, цуьнан доьзал а хӀаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цӀергахь багийра цара. 26 Ӏаханна а, цуьнан доьзална а тӀехь тӀулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу.

Цул тӀаьхьа Везачу Элан оьгӀазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Ӏахур-тогӀи олу.

8

ГӀай-гӀала схьаяккхар а, йохор а

1 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТӀом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГӀай-гӀалина тӀелата. ГӀай-гӀалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀала а, латта а хьан кара дӀало Ас. 2 ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гӀалин бахархошкара а схьаяьхна хӀуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дӀасадекъа. ГӀалин тӀехьа агӀор кӀело а е».

3 ЮшаӀ а, берриг а исраилхойн тӀемалой а ГӀай-гӀалина тӀелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дӀахьовсийра ЮшаӀа, 4 цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гӀалина тӀехьа агӀор кӀело йина хир ду, амма гӀалина гена а ма довла, массо а тӀелата кийча а хила. 5 Со а, соьца волу массо тӀемало а гӀалина тӀелетар ву. Хьалха санна, ГӀай-гӀалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду. 6 Тхаьшна тӀаьхьабаьхна, гӀала йолчуьра оха дӀабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, – эр ду цара. Тхо царах девдча, 7 шаьш кӀело йиначуьра схьа а довлий, гӀала дӀалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза. 8 Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза». 9 Иштта, ЮшаӀа дӀа а бахийтина, ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор, Бетална а, ГӀайна а юккъехь, кӀело йира исраилхоша. ЮшаӀ цу буса халкъана юкъахь дӀавижира.

10 Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, тӀемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаӀ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГӀай-гӀалина тӀебахара. 11 ТӀемалой, ЮшаӀаца дӀа а бахана, гӀалина гергахьа баьхкира. ГӀай-гӀалин къилбаседехьа йолчу агӀор меттамотт хӀоттийра ЮшаӀа. ГӀалина а, меттаматтана а юккъехь тогӀи яра. 12 Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГӀай-гӀалина а юккъехь кӀелоне ховшийнера цо. Уьш ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор бара. 13 ТӀемалоша шайн меттигаш дӀалаьцнера: гӀалина къилбаседерчу агӀор хӀоттийна меттамотт болчохь а, гӀалина малхбузерчу агӀор кӀело йиначохь а. Цу буса тогӀи чу веара ЮшаӀ. 14 И дерриг шена гича, ГӀай-гӀалин паччахь, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тӀаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Ӏариба-тогӀина+ 8:14 *Ӏариба-тогӀи *– иза Йордан-хин тогӀи ю.* уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГӀалина тӀехьа кӀело йинийла ца хаьара паччахьна. 15 ЮшаӀ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дӀабевдира. 16 ГӀалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тӀаьхьадовла аьлла. ЮшаӀана тӀаьхьауьдуш, гӀалина генабевлира уьш. 17 ГӀай-гӀалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тӀаьхьавалаза. Шайн гӀала схьайиллина йитира цара, мостагӀашна тӀаьхьа а бевлла.

18 ТӀаккха Везачу Эло элира ЮшаӀе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГӀай-гӀалина тӀехьажабе, Ас хьан кара дӀало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гӀалина тӀехьажийра ЮшаӀа. 19 Цо куьг хьала-ма-айи, кӀелонехь Ӏаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гӀалехьа дӀахьаьвдира. ГӀала схьа а лаьцна, цунах цӀе тесира цара. 20 Юхахьаьвсинчу ГӀай-гӀалин божаршна шайн гӀалина тӀера стигала кхаччалц хьалаоьху кӀур гира. ХӀинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан – я хьалха а, я тӀехьа а, хӀунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тӀелетира. 21 ЮшаӀ а, берриг исраилхой а, кӀело йиначара гӀала дӀалацар а, стигала хьалаоьху кӀур а гина, юха а бирзина, ГӀай-гӀалин божарий хӀаллакбан буьйлабелира. 22 ГӀалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агӀор болчу шайн мостагӀашна юккъехь бисира ГӀай-гӀалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хӀаллакбира исраилхоша. 23 Ткъа ГӀай-гӀалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаӀана тӀе валийра.

24 ГӀай-гӀалин божаршна тӀаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гӀали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара. 25 Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а. 26 Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаӀа, ГӀай-гӀалин массо а вахархо хӀаллакваллалц. 27 Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара. 28 ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала. 29 ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.

Ӏейбал-лам тӀехь товрат-хьехам бешар

30- 8:30-32 Карлабаьккхинарг 27:2-8. Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь. 31- 8:31 Арадаккхар 20:25. Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира. 32 Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха. 33- 8:33-35 Карлабаьккхинарг 11:29; 27:11-14. Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара. 34 Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара. 35 Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.

9

ГавӀон-гӀалин бахархойн хӀилла

1 И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш 2 цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла.

3 Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна, 4 хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. 6 Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».

7- 9:7 Арадаккхар 23:32; 34:12; Карлабаьккхинарг 7:2. Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»

8 Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду».

ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»

9 Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а 10- 9:10 Лелар 21:21-35. Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а. 11 Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“. 12 ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла. 13 Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла».

14 Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. 15 Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна.

16 И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а. 17 ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим. 18 Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой. 19 Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн. 20 Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта». 21 Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша.

22 Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, – аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду? 23 Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!»

24 Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх. 25 ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа». 26 ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира. 27 Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.

10

ГавӀон-гӀалахь эмархойн эшар

1 ЮшаӀа, ГӀай-гӀала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гӀалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавӀонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Ӏаш бу аьлла. 2 Иза хезча, паччахь чӀогӀа кхеравелира, хӀунда аьлча шена тӀехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гӀала санна, ГавӀон йоккха гӀала яра. Иза ГӀай-гӀаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара. 3 Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХӀохӀам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияӀ волчу а, ӀегӀлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна: 4 «Со волчу а дуьйлий, ГавӀон-гӀала хӀаллакьян гӀо де суна, цо ЮшаӀаца а, исраилхошца а барт барна». 5 Вовшах а кхетта, эмархойн пхи паччахь: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш а, церан эскарш а, меттамотт дӀа а хӀоттийна, ГавӀон-гӀалина го а бина, цунна дуьхьал тӀом бан кечбелира.

6 ГавӀонан бахархоша исраилхойн меттамотт лаьттачу метте, Галгала, ЮшаӀ волчу хьадалчаш бахийтира цуьнга ала: «Хьайн леш дӀа ма тасахьара ахь! Тхо долчу сихха схьа а волий, тхо кӀелхьардахахьа! ГӀо дехьа тхуна! Гунаш долчуьра эмархойн массо а паччахь ву тхуна тӀелата кечвелла!»

7 ЮшаӀ а, цуьнца дерриг эскар а, шайна юккъехь уггар майра тӀемалой а болуш, Галгалара аравелира. 8 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дӀабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». 9 Буьйсанна сахиллалц Галгалара схьаихна волу ЮшаӀ цӀеххьана тӀелетира эмархошна. 10 Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой. 11 Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.

12 Цу дийнахь ЮшаӀ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавӀонехь Везачу Эло цаьрга уьш хӀаллакбайтина де дара иза. ЮшаӀа исраилхошна хьалха элира:

«Малх, ГавӀонана тӀехула сацалахь,

бутт – Айлон-тогӀи тӀехула!»

13- 10:13 Дауд 1:18. Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагӀашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тӀехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дӀабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? 14 Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгӀна де я хьалха а, я цул тӀаьхьа а хилла дацара, хӀунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тӀом беш вара.

15 Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, исраилхойн берриг а тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.

Эмархойн пхи паччахь йийсаре вигар

16 И пхи паччахь, вада а ведда, Макхедехь йолчу хьеха чохь къайлаваьллера. 17 ЮшаӀе хаам кхечира: «Пхи паччахь карийна, уьш Макхедехь йолчу хьеха чохь дӀалевчкъина бу», – аьлла. 18 Цо элира: «Хьехан берте даккхий тӀулгаш тӀе а карчадай, и ларъян нах хӀиттабе. 19 Ткъа шу, совца а ца совцуш, мостагӀашна тӀаьхьадовлий дӀагӀо. Церан эскаран тӀаьхьара дакъош хӀаллакде, мостагӀий шайн гӀаланашка дӀа ма бахийта. Шун Везачу Дала шун кара схьа ма белла уьш». 20 ЮшаӀа а, исраилхойн тӀемалоша а, мостагӀашна доккха зе а деш, уьш хӀаллакбинчул тӀаьхьа, царах биснарш чӀагӀйина йолчу гӀаланашка бевдира. 21 Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаӀ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира.

Исраилхошна дуьхьал дош ала хӀуттуш цхьа а вацара.

22 Юха ЮшаӀа элира: «Хьехана чувоьду меттиг схьа а ястий, цу чуьра пхи паччахь со волчу схьавалаве». 23 Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ӀегӀлонан а паччахьаш. 24 Шена тӀе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тӀемалойн хьаькамашка ЮшаӀа элира: «ТӀе а гӀой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тӀе баха». Цара, тӀе а бахана, паччахьийн вортанаш тӀе когаш бехкира. 25 ЮшаӀа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чӀагӀлой а, доьналла долуш а хила. Аша тӀом бен болчу шун массо а мостагӀашца иштта хир ву Веза Эла». 26 Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тӀехь хьалаоьхкира ЮшаӀа. Сарралц цу дитташ тӀехь кхезира уьш. 27 Малх чубузучу хенахь ЮшаӀа омра а дина, дитташ тӀера схьа а даьхна, уьш дӀалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тӀулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Ӏохкуш ду уьш.

Къилбера КанаӀан схьаяккхар

28 Оцу дийнахь Макхеда-гӀала схьаяьккхира ЮшаӀа, туьра кӀел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гӀали чуьра са мел долу адам хӀаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.

29 Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гӀала йолчу дӀа а вахана, цунна дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа. 30 Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гӀала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хӀаллакдира ЮшаӀа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГӀалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира.

31 Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гӀала а веана, цунна гонах меттамотт а хӀоттийна, гӀалина дуьхьал тӀом бира ЮшаӀа. 32 Везачу Эло Лахиш исраилхойн кара схьаелира, шолгӀачу дийнахь иза схьаяьккхира цара. Цу чохь мел долу садолу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Либнехь шаьш ма-дарра. 33 Лахиш-гӀалина гӀо дан ГӀазаран паччахь ХӀорам веара, амма ЮшаӀа хӀаллаквира иза а, цуьнан эскар а. Ведда а, висна а, цхьа а царах дийна ца витира цо.

34 Цул тӀаьхьа исраилхошца цхьаьна Лахишара ӀегӀлон-гӀала веара ЮшаӀ. ГӀалина гонах меттамотт а хӀоттийна, цунна дуьхьал тӀом бира цара. 35 Цу дийнахь иза схьа а яьккхина, цу чохь са мел долу адам туьраца хӀаллакдира исраилхоша, Лахишехь шаьш ма-дарра.

36 ЮшаӀ а, исраилхой а, ӀегӀлонара дӀа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гӀалина дуьхьал тӀом бира цара. 37 ГӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гӀали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хӀаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ӀегӀлон-гӀалина диннарг дира Хьевронна а: гӀала а йохийра, дерриг адам хӀаллак а дира.

38 Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гӀалина тӀе а деана, цуьнца тӀом бан хӀоьттира. 39 ГӀала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кӀел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хӀаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира.

40 Акъареш тӀера а, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаӀа. Церан паччахьаш хӀаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тӀе-ма-диллара. 41 Кхадеш-БарнаьӀара Ӏази-гӀала кхаччалц а, дерриг ГӀашан цӀе йолу латта а, ур-атталла ГавӀон-гӀалина тӀекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаӀа. 42 Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаӀа, хӀунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тӀом беш вара. 43 Цул тӀаьхьа ЮшаӀ а, берриш исраилхойн тӀемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.

11

Паччахь Ябин а, цуьнан бартхой а

1 Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, 2 къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе. 3 Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах. 4 И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. 5 Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама.

6 Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае». 7 ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна. 8 Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша. 9 Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра.

10 Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.) 11 Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира.

12 Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара. 13 Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург. 14 Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш. 15 Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо.

Нунин кӀанта ЮшаӀа схьадаьхна латтанаш

16 Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, 17 СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо. 18 Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа. 19 Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш. 20- 11:20 Карлабаьккхинарг 7:16. Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш.

21 Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо. 22 Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен.

23 Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа.

Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.

12

Мусас хӀаллакбина паччахьаш

1- 12:1-5 Лелар 21:21-35; Карлабаьккхинарг 2:26–3:11. Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу: 2 Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза. 3 Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.

4 Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш. 5 Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.

6- 12:6 Лелар 32:33; Карлабаьккхинарг 3:12. Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хӀаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенашна а, Маннашан ах тӀаьхьенна а шерет санна дӀаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.

Нунин кӀанта ЮшаӀа хӀаллакбина паччахьаш

7 ЮшаӀа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀера паччахьаш хӀаллакбира. Ливанун тогӀи чохь йолчу БаӀал-Гад-гӀалина тӀера СеӀирна уллохь болчу Хьалакх-лома тӀекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаӀа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дӀаделира уьш. 8 Царна юкъадогӀуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегӀаб а. ЮшаӀа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Ӏаш бара хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 9 Исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гӀалина уллорачу ГӀай-гӀалин паччахь, 10 Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь, 11 Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь, 12 ӀегӀлонан паччахь, ГӀазаран паччахь, 13 Дибаран паччахь, Гадиран паччахь, 14 Хьормин паччахь, Ӏародан паччахь, 15 Либнин паччахь, Ӏадуламан паччахь, 16 Макхедан паччахь, Беталан паччахь, 17 Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь, 18 Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь, 19 Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь, 20 Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь, 21 ТаӀнакан паччахь, МагӀиддан паччахь, 22 Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаӀаман паччахь, 23 Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь, 24 Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.

13

Схьадахаза долу латтанаш

1 ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хӀинца а дуккха а латтанаш ду. 2 Дуьсуш хӀара латтанаш ду: ПӀелаштаман а, Гешуран а ши мохк. 3 Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Ӏекхран-гӀалина тӀекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаӀанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогӀу пӀелаштамхойн пхеа урхалчин гӀаланаш: Ӏази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Ӏекхран а. Ӏаваймхойн къомана тӀехь а толам баккха безаш бу. 4 Къилбехь долу дерриг а канаӀанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цӀаданхойн долахь йолчу МеӀари-гӀали тӀера Апакх-гӀалина, эмархойн дозанна, тӀекхаччалц. 5 Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаӀал-Гадана тӀера Хьамат-Ӏинна тӀекхаччалц болу. 6- 13:6 Лелар 33:54. Ливанун-махка тӀера Мисрепат-Маймална тӀекхаччалц лаьмнашкахь Ӏаш болу цӀаданхой исраилхошна хьалхара дӀалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тӀе-ма-диллара. 7 Исс тайпанна а, Маннашан ах тайпанна а юкъахь гуттаренна а дӀасадекъа иза».

Йордан тӀера малхбалехьа латта декъар

8- 13:8 Лелар 32:33; Карлабаьккхинарг 3:12. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаша а, Маннашан ах тӀаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера. 9 Арнон-тогӀина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера цу тогӀина чохь йолчу гӀалина тӀекхаччалц долу латта а, Мейдебана тӀера Дибонна тӀекхаччалц йолу шера аре а церан яра. 10 Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гӀаланаш а царна дӀаеллера. Хьешбон-гӀалахь паччахьалла деш Ӏийнера Сихьон, цуьнан латта Ӏамминхойн дозанна тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара. 11 Цул сов, ГалӀад-мохк а, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гӀалина тӀекхаччалц болу Башан-мохк а, 12 Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза. 13 Амма исраилхоша Гешур а, МаӀха а мехкашкара бахархой дӀа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Ӏаш бу уьш.

14- 13:14 Карлабаьккхинарг 18:1. Левин тӀаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагӀанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.

Раабанан тайпанан дакъа

15 Раабанан тайпанах долчу хӀора гаранна латта делира Мусас: 16 Арнон-тогӀина йистехь йолу ӀаруӀер-гӀала а, цу тогӀина чохь йолу гӀала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а, 17 Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гӀаланаш а: Дибон а, Бамот-БаӀал а, Байт-БаӀал-МеӀон а, 18 ЯхӀац а, Кхадимут а, МейпаӀат а, 19 Кхиръятим а, Сибма а, тогӀи чуьра гу тӀехь йолу Царати- Шахьар а, 20 Байт-ПаӀар а, Пасга-ломан басенаш а, Байт-Яшимут а. 21 Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гӀаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хӀаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаӀ а. Цу махкахь Ӏийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш. 22 Исраилхоша байинчарна юкъахь БеӀаран кӀант, пал тосуш волу БалиӀам, вара. 23 Йордан-хица дара Раабанан тайпанан декъан доза. Цу тайпанах долчу гаранашна дӀаелла гӀаланаш а, цаьрца йолу ярташ а яра уьш.

Гадин тӀаьхьенан дакъа

24 Иштта Гадин тайпанах долчу хӀора гаранна а латта делира Мусас. 25 Церан долахь яра ЯӀзир-гӀала а, ГалӀад-махкара массо а гӀала а, Рабба-гӀалина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀекхаччалц долу Ӏамминхойн ах латта а, 26 Хьешбонна тӀера Рамат-МицӀпина а, Бетанаймна а тӀекхаччалц а, Махьанаймна тӀера Дибаран дозанна тӀекхаччалц а долу латтанаш. 27 Йордан-тогӀи чохь йолу гӀаланаш: Байт-ХӀарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогӀин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Ӏомана тӀекхаччалц долу). 28 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тӀера церан дакъош дара уьш.

Маннашан тайпанан малхбалехь долу дакъа

29 Маннашан эха тайпанах долчу гаранашна а деллера Мусас латта. 30 Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш. 31 Ткъа ах ГалӀад-мохк а, Башанан паччахь ӀовгӀа чохь Ӏийна Ӏаштарат а, ЭдреӀи а гӀаланаш а Маннашан кӀентан Макиран кӀенташна дӀаеллера. Макиран кӀентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш.

32 Ерихонна малхбалехьа, Йорданан тогӀи чуьра муабахойн аренашкара дерриг а латта дара Мусас царна делларг. 33- 13:33 Лелар 18:20; Карлабаьккхинарг 18:2. Левин тӀаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.

14

Йордан-хина малхбузехьа латта декъар

1 ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. 2- 14:2 Лелар 26:52-56; 34:13. Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. 3- 14:3, 4 Лелар 32:33; 34:14, 15; Карлабаьккхинарг 3:12-17. Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. 4 Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. 5 Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.

Килабан дакъа

6- 14:6 Лелар 14:30. ЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. 7- 14:7 Лелар 13:2-31. Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьӀара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дӀадийцира цуьнга. 8 Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тӀера ца велира. 9- 14:9 Лелар 14:24. Цу дийнахь Мусас чӀагӀо йира суна: „Хьан ког тӀебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хӀунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тӀера ца вели хьо“, – аьлла. 10 Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду. 11 Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хӀинца а гӀора долуш ву со. ХӀетахь хилла ницкъ бу соьгахь хӀинца а тӀом бан а, кхин гӀуллакх дан а. 12 Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».

13 Везачу Эле Епунин кӀант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гӀала дӀаелира ЮшаӀа. 14 Хьеврон хӀинца а кхеназхо волчу Епунин кӀентан Килабан тӀаьхьенна дакъа хилла йисна, хӀунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тӀера ца ваьллера. 15 Хьевронан цӀе хьалха Кхиръят-АрбаӀ хилла. (АрбаӀ цӀе йолуш Ӏаьнакхахойн тӀаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.)

Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.

15

ЯхӀудан тайпанан дакъа

1 ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра. 2 Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара. 3 Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза. 4 Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.

5 Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц.

Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара. 6 Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.) 7 Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза. 8 Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара. 9 Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю). 10 БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура. 11 Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра. 12 Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.

Килаба Хьеврон а, Дибар а схьаяккхар

(Куьйгалхой 1:11-15)

13- 15:13, 14 Куьйгалхой 1:20. Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.) 14 Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара. 15 Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) 16 Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас». 17 Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба. 18 Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла+ 15:18 *Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла *– Грекийн гочдар тӀехь: *Майрачун цӀен тӀе иза дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниала тӀедиллира цунна, Килабе аре еха аьлла.*. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?» 19 ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.

ЯхӀудан тӀаьхьенан гӀаланаш

20 Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа: 21 Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур, 22 Кхина, Димуна, Ӏадада, 23 Кхедаш, Хьацор, Йитнан, 24 Зип, Телам, БеӀалт, 25 Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор, 26 Амам, ШемаӀ, Мулада, 27 Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти, 28 Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу, 29 БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам, 30 Элтолад, Кесал, Хьорма, 31 ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана, 32 Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун – ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.

33 Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна, 34 Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам, 35 Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи, 36 ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) – ейтта гӀала шайн ярташца.

37 Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад, 38 ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал. 39 Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон, 40 Каббон, Лахьмас, Китлиш, 41 Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда – ялхитта гӀала шайн ярташца.

42 Либна, Ӏетар, Ӏашун, 43 Йиптахь, Ашна, Нециб, 44 КъаӀила, Ахзиб, Мареша – исс гӀала шайн ярташца.

45 Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш, 46 Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.

47 Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.

48 Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха, 49 Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар), 50 Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним, 51 ГӀашан, Хьулон, Гило – цхьайтта гӀала шайн ярташца.

52 Арба, Дума, Эшхьан, 53 Янум, Байт-Тапухьа, Апекха, 54 ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор – исс гӀала шайн ярташца.

55 МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа, 56 ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь, 57 Кхаим, ГебаӀ, Тамна – итт гӀала шайн ярташца.

58 Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур, 59 МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун – ялх гӀала шайн ярташца.

60 Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба – ши гӀала шайн ярташца.

61 Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха, 62 Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади – ялх гӀала шайн ярташца.

63- 15:63 Куьйгалхой 1:21; Дауд 5:6; 1 Шерашкахь 11:4. Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.

16

Эпрайман тайпанан а, Маннашан эха тайпанан а дакъош

1 Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тӀера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тӀера, яьссачу арахула дӀа а доьдий, шайна тӀехь Бетал-гӀала йолчу гунаш тӀе кхочура иза. 2 Бетална тӀера Луз-гӀалина тӀе а доьдий, цигара дӀа Ӏаьркхахойн лаьтта тӀехула чекх а долий, Ӏатрут-гӀала кхочура иза. 3 Цул тӀаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тӀекхаччалц дӀадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тӀе а доьдий, ГӀазар-гӀалина тӀе кхочура. Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолура и доза.

4 Иштта дара Юсупан шина кӀентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.

Эпрайман тайпанан дакъа

5 Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Ӏатрут-Адар-гӀалина тӀера Лакхарчу Байт-Хьоронна тӀекхаччалц дара. 6 Цигара дӀа доза хӀорда тӀе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агӀор а долий. Юха, Таанат-Шилун гӀалин малхбалерчу агӀор дӀа а доьрзий, цунах тӀехдолура иза. Ткъа Янохь-гӀалина а малхбалехь йолчу агӀонгахула дӀадоьдура доза. 7 Янохьана тӀера, Ӏатрут а, НаӀран а гӀаланашка чу а дуссий, Ерихонна тӀекхочура иза, цигара дӀадахча, Йордан-хина тӀехь соцура. 8 Тапухьа-гӀалина тӀера малхбузехьа Кхана-хина тӀе а доьдий, хӀорда тӀехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа. 9 Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гӀаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тӀехь яра. 10- 16:10 Куьйгалхой 1:29. Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГӀазар-гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой дӀа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.

17

Маннашан эха тӀаьхьенан малхбузехь долу дакъа

1 Юсупан дуьххьарлерчу кӀентан Маннашан тӀаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кӀант Макир ГалӀадан да вара. Иза майра тӀемало хилла, ГалӀад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тӀаьхьенашна кхаьчнера. 2 Йордан-хин малхбузерчу агӀор латта делира Маннашан тайпанах бухабисинчу нахана. Цуьнан тӀаьхьенах болу божарий бара уьш: Абу-Ӏезар а, Хьелакх а, Асриал а, Шехем а, Хьепар а, ШамидаӀ а. Царах хӀора а шен гаранна тӀехь коьртаниг вара. 3 Цалпихьад Хьепаран кӀант вара, Хьепар ГалӀадан вара, ГалӀад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кӀант вацара, йоӀарий бен. Церан цӀераш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 4- 17:4 Лелар 27:1-7. Динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀана а, тхьамдашна а тӀе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тӀедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна. 5 Йорданал дехьа долу ГалӀадан а, Башанан а латтанаш доцург, Маннашан тайпанна итт дакъа кхечира. 6 Цуьнан тӀаьхьенах болчу йоӀаршна а, кӀенташна санна, дакъош кхечира, ткъа ГалӀадара латта Маннашан тайпанах долчу кхечу гаранашна дӀаделлера.

7 Маннашан тайпанан доза Ашарна тӀера Михметатана тӀекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дӀа доза къилбехьа доьдура, Ӏейн-Тапухьа цӀе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш. 8 Тапухьа-гӀалина гонах долу латта Маннашан тайпанан дара, ткъа дозанна тӀехь йолу ша гӀала Эпрайман тайпанан яра. 9 Юха доза Кхана-хи долчу, къилбехьа агӀор, чудуссуш дара. И гӀаланаш эпраймхойн яра, ткъа уьш Маннашан тайпанан гӀаланаш юкъахь яра. Маннашан тайпанан доза, хин къилбаседерчу агӀор дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолуш дара. 10 Къилбехьа долу латта Эпрайман тайпанан дара, ткъа къилбаседехьа дерг Маннашан тайпанан дара. Дуьненаюккъера хӀорд Маннашан тайпанан малхбузехь долу доза дара, цуьнан къилбаседера доза Ашаран халкъан махкаца дара, ткъа малхбалераниг Иссарханан халкъан махкаца дара. 11 Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тӀехь йолу гӀаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалӀам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гӀаланаш а. Цул сов, хӀокху гӀаланашкахь а Ӏаш бара уьш: Дор, Ӏейндар, ТаӀнак, МагӀидда, царна гонах йолу гӀаланаш а (царах кхозлагӀниг Напат яра). 12- 17:12, 13 Куьйгалхой 1:27, 28. Цу гӀаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаӀанхой цу лаьтта тӀехь баха бисира. 13 Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаӀанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара.

Юсупан тайпано латкъам бар

14 Юсупан тайпано элира ЮшаӀе: «Тхуна цхьаъ бен дакъа хӀунда ца делла ахьа? Тхо дуккха а ма ду, Везачу Эло тхо декъалдина дела».

15 ЮшаӀа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гӀой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тӀехь шайна меттиг яккха».

16 Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаӀанхой шерачу арахь а, тогӀи чохь а Ӏаш бу. Церан аьчках йина тӀеман гӀудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Ӏаш берш а, ИзраӀал-тогӀи чохь Ӏаш берш а тӀеман гӀудалкхаш йолуш бу».

17 Амма ЮшаӀа элира Юсупан тӀаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Ӏийр дац шун: 18 ламанан мохк шун хир бу. Цу тӀехь хьун елахь а, аш иза дӀацӀанбийр бу, тӀаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаӀанхой дӀалохкур бу, церан аьчка гӀудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а».

18

Дисина латта декъар

1 Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь. 2 Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхӀ тайпа дара. 3 ЮшаӀа элира исраилхошка: «Кхин мел Ӏан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш? 4 ХӀора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дӀаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХӀора тайпанна догӀучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дӀа а яздина, суна тӀе юхабогӀур бу уьш. 5 Латта ворхӀ декъе декъа деза. ЯхӀудан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбехь Ӏийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбаседехь Ӏийр ду. 6 Лаьттан ворхӀ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу. 7 Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хӀунда аьлча Везачу Элана гӀуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агӀор схьаэцна».

8 Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дӀабахале, ЮшаӀа царна тӀедиллира: «Даха а гӀой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дӀа а яздай, суна тӀе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу». 9 Уьш, дӀа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гӀала а тептар тӀехь ворхӀ декъехь дӀаязйира цара. Юха ЮшаӀ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш. 10 ЮшаӀа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хӀора тайпанна дӀадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.

Бен-Яманан тайпанан дакъа

11 Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхӀудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Ӏуьллуш дара церан латта. 12 Къилбаседерчу агӀор церан доза Йордан-хина тӀера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тӀе хьаладолура иза. Цигара дӀа Байт-Аван цӀе йолчу яьссачу аренга кхочура иза. 13 Юха доза, Луз-гӀалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тӀе а доьдий, цигара Ӏатрут-Адар-гӀала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гӀалин къилбехьарчу агӀор лаьттачу лома тӀе доьдура. 14 Цул тӀаьхьа, цу ломан малхбузерчу агӀонна тӀера къилбехьа дӀа а доьрзий, ЯхӀудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаӀал-гӀалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯӀаримна) тӀедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара. 15 Къилбера доза, Кхиръят-ЯӀаримна тӀера дӀа а долалой, Нептухь цӀе йолчу хьостана тӀе кхочура. 16 Юха, ХӀинам-тогӀина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогӀи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гӀалин къилбехьарчу агӀор ХӀинам-тогӀи чу дуссура иза, цигара дӀа Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьостана тӀе доьдура. 17 Цул тӀаьхьа, къилбаседехьа дӀа а доьрзий, Ӏейн-Шемешана тӀе а доьдий, цигара дӀа Адуммим-Ӏинна дуьхьал йолчу Галилутна тӀедоьдура доза. Цигара дӀа Раабанан кӀентан БохӀанан тӀулг болчу чудуссура иза. 18 Юха, Ӏариба-тогӀина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агӀор дӀа а доьдий, тогӀи чу дуссура иза. 19 Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза. 20 Малхбалера доза хилла догӀуш Йордан-хи дара. Массо а агӀор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа.

21 Бен-Яманан тайпанан хӀара гӀаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагӀла, Ӏемакх-Кхациц, 22 Байт-Ӏариба, ЦӀемарайм, Бетал, 23 Ӏавайм, Пара, Ӏапру, 24 Кепар-Ӏамуна, Ӏапни, ГибаӀ – шийтта гӀала шайн ярташца. 25 ГавӀон, Рама, Баировт, 26 МицӀпа, Капира, Моца, 27 Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала, 28 ЦелаӀ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаӀ, Кхиръят-ЯӀарим – ейтта гӀала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош.

19

ШимӀин тайпанан дакъа

1 ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош. 2- 19:2-8 1 Шерашкахь 4:28-33. Царна кхаьчнарг хӀара дара: Беар-ШабаӀ (я ШебаӀ), Мулада, 3 Хьацар-ШуӀал, Бала, Ӏацам, 4 Элтолад, Бетул, Хьорма, 5 ЦакхелагӀ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса, 6 Байт-Лебаот, Шарухьен – кхойтта гӀала шайн ярташца.

7 Ӏейн, Римун, Ӏетар, Ӏашун – йиъ гӀала царна гонах йолчу ярташца. 8 Цул сов, цу гӀаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаӀалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тӀекхаччалц. Иштта дара ШимӀин тайпанан дакъа. 9 ЯхӀудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимӀин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимӀин тайпанах болчеран латта.

Забулан тайпанан дакъа

10 КхоалгӀа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гӀалина тӀекхаччалц дӀадоьдура. 11 Юха, малхбузехьа МарӀалана тӀе а доьдий, цигара дӀадахча, Дабешетах дӀа а кхетий, тӀаккха ЯкхнаӀамна уллорачу хина тӀе кхочура иза. 12 Саридана тӀера малхбалехьа Кислут-Табурна тӀедоьрзура доза, цул тӀаьхьа Дубратана тӀе а доьдий, юха ЯпияӀ йолчу хьаладолура иза. 13 Цул тӀаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Ӏет-Кхацинна а тӀе а кхочий, кхидӀа Римуна тӀе а доьдий, НеӀа йолчу агӀор дӀадоьрзура. 14 Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дӀадоьрзура, кхидӀа а доьдий, Яптахь-Эл-тогӀи чохь чекхдолура. 15 Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам. 16 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.

Иссарханан тайпанан дакъа

17 БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира. 18 Церан лаьтта тӀехь яра: ИзраӀал, Кесулот, Шунам, 19 Хьапарайм, Шион, Анахьарат, 20 Рабит, Кхишон, Эбец, 21 Ремет, Ӏейн-Ганим, Ӏейн-Хьада, Байт-Пацац. 22 Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тӀе а кхочий, цигара дӀадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гӀала яра шайн ярташца. 23 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.

Ашаран тайпанан дакъа

24 ПхоьалгӀа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира. 25 Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап, 26 Алам-Малик, ӀамӀад, Мишъал. Малхбузерчу агӀор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тӀекхочура. 27 Юха, малхбалехьа Байт-ДагӀон йолчу дӀа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогӀина а тӀекхочура иза. Цул тӀаьхьа къилбаседехьарчу агӀор Байт-Ӏамакхна, НеӀилна а тӀех а долий, Хабулна тӀекхочура иза. 28 Цул тӀаьхьа доза, Ӏабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тӀе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦӀаданна тӀекхаччалц дӀадоьдура. 29 Рама-гӀала йолчу юха а доьрзий, цигара дӀа чӀагӀйина йолчу Цора-гӀалина тӀедоьдура доза, ткъа цигара дӀа Хьоса-гӀалина тӀедоьрзура. ХӀорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. 30 Ӏума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гӀала яра шайн ярташца. 31 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.

Напталан тайпанан дакъа

32 ЙолхалгӀа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира. 33 Церан доза, Хьелеп-гӀала а, ЦаӀнаним-гӀалина уллора нежнаш а долчуьра дӀадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тӀе а доьдий, Лакхумна тӀекхочура. Ткъа цигара дӀадахча, Йордан-хи тӀехь чекхдолура иза. 34 Кхузара дӀа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тӀе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тӀе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дӀахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дӀахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тӀе кхочура+ 19:34 *Ӏебархойн тептар тӀехь иштта ду: *Малхбалехь, Йорданна йистехь, ЯхӀудан лаьтта тӀе а кхочура иза.*. 35 ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот, 36 Адама, Рама, Хьацор, 37 Кхедаш, ЭдреӀи, Ӏейн-Хьацор, 38 Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Ӏанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гӀала шайн ярташца. 39 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.

Данан тайпанан дакъа

40 ВорхӀалгӀа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира. 41 Церан декъа чуйогӀуш яра: ЦорӀа, Эштаул, Ӏир-Шемеш, 42 ШаӀалбан, Айлон, Йитла, 43 Эйлон, Тамна, Ӏекхран, 44 Элтакха, Габитун, БаӀалт, 45 ЙихӀуд, Бини-Биракх, Гати-Римун, 46 Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гӀалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира. 47- 19:47 Куьйгалхой 18:27-29. ТӀаккха, Лешем-гӀалина тӀе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хӀаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гӀалахь баха хевшира уьш, цуьнан цӀе Дан а тиллина, шайн ден Данан цӀарах. 48 Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.

Нунин кӀентан ЮшаӀан дакъа

49 Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кӀантана ЮшаӀана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша. 50 Везачу Эло тӀе-ма-диллара, ЮшаӀа шена ехна йолу гӀала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тӀехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГӀала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаӀ.

51 Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.

20

ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш

1- 20:1-9 Лелар 35:9-34; Карлабаьккхинарг 4:41-43; 19:1-13. Везачу Эло ЮшаӀе элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Стагана дӀалачкъа гӀаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара. 3 Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дӀалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дӀадовда а, бекхам лоьхучух цу гӀалахь дӀалачкъа а. 4 Ишттачу гӀала ведда веанарг, гӀалин кевне а хӀоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дӀадийца дезаш ву. Цара, шайн гӀалахь тӀе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна. 5 Иза вен дагахь бекхам лоьхург тӀаьхьаваьлча, тхьамданаша дӀалур вац ведда веанарг, хӀунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан. 6 Кху гӀалахь Ӏийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хӀотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тӀаьхьа стаг вийнарг шен гӀала а, шен цӀийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».

7 Галилай-махкахь Напталан гунаш тӀехь йолу Кхедаш-гӀала а, Эпрайман лам тӀера Шехем-гӀала а, ЯхӀудан гунаш тӀера Кхиръят-АрбаӀ а (кхечу тайпана Хьеврон) дӀакъастийра. 8 Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала. 9 И гӀаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хӀотталц, дӀалачкъархьама, бекхам бан гӀерташ болчу мостагӀаша иза веле.

21

Левихойн гӀаланаш

1 Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе. 2- 21:2 Лелар 35:1-8. КанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла». 3 Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. 4 Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира. 5 Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира. 6 ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца. 7 Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира. 8 Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша.

9 ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра: 10 КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна, 11 Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан – Хьеврон). 12 Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира.

13 Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала – Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а. 14 Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а, 15 Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а, 16 Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра. 17 Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а, 18 Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 19 АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. 20 КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш. 21 Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна. 22 Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш. 23 Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, 24 Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг. 25 Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра. 26 КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра. 27 ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала. 28 Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. 29 Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара. 30 Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а. 31 Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла. 32 Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара. 33 ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра. 34 Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, 35 Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала. 36 Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а, 37 Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 38 Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. 39 Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра. 40 Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра.

41 Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра. 42 Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш.

Исраилхоша шайн мехкан доладар

43 Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш. 44 Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий. 45 Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира

22

ЮшаӀа Йорданал дехьара исраилхойн тайпанаш дӀахоьцу

1 Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира цаьрга: 2- 22:2 Лелар 32:20-32; Якъуба 1:12-15. «Везачу Элан ялхочо Мусас тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тӀаьхьа массо а даше ла а доьгӀна. 3 ХӀара де тӀекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дӀатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тӀедиллинарг кхочуш а дира. 4 ХӀинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХӀинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тӀе дӀа а гӀой, шайн четарш чу юхадерза. 5 Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Ӏалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гӀуллакх дар а». 6 Цул тӀаьхьа, уьш декъал а бина, дӀабахийтира ЮшаӀа. Уьш шайн четаршка дӀасабекъабелира. 7 Маннашан тайпанан цхьаьна декъана Башанехь латта Мусас делира, ткъа вукху декъана латта Йорданал дехьа, малхбузехьа, шен вежаршца ЮшаӀа делира. Шайн четаршка дӀабохуьйтуш, цо уьш декъалбира. 8 ЮшаӀа элира цаьрга: «Доккхачу хьолаца юхадоьрзуш ду шу шайн четаршка, шуьгахь дуккха а даьхни а, дети а, деши а, цӀаста а, эчиг а, тайп-тайпана духарш а ду. Шайн вежаршца екъа мостагӀашкара шаьш яьккхина йолу хӀонс».

9 Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан тайпанах ах дакъа а исраилхой болчуьра КанаӀан-махкахь йолчу Шилунера дӀадахара. Везачу Элан омрица Мусагахула шайна деллачу, ГалӀад-махкахь долчу лаьтта тӀе бахара уьш.

Йордан-хина уллохь болу сагӀа доккху кхерч

10 КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а сагӀа доккху боккха кхерч бира. 11 Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, сагӀа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал». 12 Шайна иза хезча, берриге а исраилхой Шилунехь вовшахкхийтира царна дуьхьал тӀаме бовла.

13 Амма цкъа хьалха исраилхоша ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас вахийтира ГалӀад-махка, Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу. 14 Цуьнца цхьаьна исраилхойх хӀора тайпанан тхьамда а вахара. Уьш итт вара, царах хӀора а эзарнаш исраилхошна тӀехь тхьамда вара. 15 Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира: 16- 22:16 Карлабаьккхинарг 12:13, 14. «Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хӀун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тӀера дӀа а дирзина, шайна сагӀа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла? 17- 22:17 Лелар 25:1-9. Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таӀзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цӀандалаза долу ПаӀора дина зулам кӀезиг дара вайна? 18 Ткъа шу Везачу Элах дӀадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгӀазгӀур ву. 19 Шайн долахь долу латта шайна цӀена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тӀе довла. Цу тӀехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагӀа доккхург боцург, кхин кхерч а бай. 20 Хьарам динчунна тӀера хӀума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кӀант цхьа Ӏахан бен вацара, ткъа оьгӀазалла берриг а исраилхошна тӀе йоьссира. И цхьаъ велла ца Ӏара шен зулам бахьана долуш“».

21 Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а жоп делира исраилхойн тхьамданашка: 22 «Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дӀадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна! 23 Нагахь оха сагӀа доккху кхерч Везачу Элах дӀакъастархьама бинехь, я цу тӀехь дийнаташ дагоран а, баьпкан а, бертан а сагӀанаш даха бинехь, Везачу Эло Ша таӀзар дойла тхуна! 24 Оха иза дина, цхьана хӀуманах кхоьруш: тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташа тхайчаьрга ца алийта: „Шун хӀун гӀуллакх ду Везачу Элаца, исраилхойн Делаца! 25 Везачу Эло Йорданах доза дина тхуна а, шуна а юккъехь, Раабанан а, Гадин а тайпанаш: Везачу Элехь шун дакъа дац“. Иштта шун кӀенташа тхайнаш Веза Эла лара тӀебуьтур бацара. 26 Цундела элира оха, дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанашна а боцуш, кхерч бер вай ваьшна. 27 Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанаш дохуш а, совгӀаташ луш а Везачу Элана гӀуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тӀаьхьенашна а иза теш хилийта, тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“. 28 Оха бохура, нагахь тхоьга а, тхан тӀаьхьенашка а тӀейогӀучу хенахь иштта алахь, оха эр ду: „Везачу Элана леринчу кхерчан кепехь бина кхерч гой шуна? Иза тхан дайша дийнаташ дагоран а, кхечу тайпанан сагӀанашна а лерина ца бина, тхуна а, шуна а юкъахь теш хилийта бина“. 29 ТӀе ма догӀийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дӀа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагӀанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».

30 Пайнехьас а, халкъан тхьамданаш а, исраилхойн эзар стагана тӀехь болу куьйгалхой а, Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанех болчара ден къамел а хезна, царна резахилира. 31 ЭлиӀазаран кӀанта, динан дас Пайнехьаса, элира Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанашка: «Тахана вайна хии, Веза Эла вайна юкъахь вуйла, хӀунда аьлча аша Везачу Элана дуьхьал зулам ца дина, хӀинца Цуьнан таӀзарх вайн халкъ кӀелхьардаьккхи аша».

32 ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас а, халкъан куьйгалхой а Раабанан а, Гадин а тайпанаш долчуьра, ГалӀадера, КанаӀан-махка, исраилхошна жоп дахьаш, юхабаьхкира. 33 Исраилхой реза бара шайна хезначунна, Далла хастам бира цара. Кхин ца дийцира цара, тӀамца дахана, Раабанан а, Гадин а тайпанаш тӀехь Ӏаш болу мохк бохор бу аьлла.

34 Шаьш бинчу кхерчан цӀе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хӀунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара.

23

ЮшаӀан весет

1 Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера. 2 Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаӀа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хӀинца, къан а велла, хене а вирзина. 3 Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш. 4 Малхбалерчу Йордан-хи тӀера малхбузерчу Дуьненаюккъера хӀорда тӀекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дӀаделла ас. Вай хӀинцале хӀаллакдинчу къаьмнийн а, хӀаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дӀаделла шуна. 5 Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дӀа а даьхна, дӀалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дӀадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара. 6 Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш. 7 Шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цӀарах чӀагӀонаш а ма е, царна гӀуллакх а, Ӏибадат а ма де. 8 Шайн Везачу Далла тешаме хила, хӀинццалц шаьш ма-хиллара. 9 Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац. 10- 23:10 а: Карлабаьккхинарг 32:30; б: Карлабаьккхинарг 3:22. Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара. 11 Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела. 12 Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь, 13 хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.

14 Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш! 15 Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваӀда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТӀаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера Цо тӀепаза дойур ду шу. 16 Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».

24

Шехем-гӀалахь ЮшаӀа дина весет

1 Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тӀехьовсурш а Шехем-гӀалахь гулбира ЮшаӀа. Уьш берриш а Далла хьалха хӀиттира. 2- 24:2 Доладалар 11:27. Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Ӏийна шун дай. ИбрахӀиман а, Нахьиран а да ТӀахьир а Ӏийна цигахь. Цара кхечу деланашна Ӏамал йора. 3- 24:3 а: Доладалар 12:1-9; б: Доладалар 21:1-3. Амма Ас шун да ИбрахӀим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаӀан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тӀаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира, 4- 24:4 а: Доладалар 25:24-26; б: Доладалар 36:8; Карлабаьккхинарг 2:5; в: Доладалар 46:1-7. Исхьакхана Якъуб а, Ӏесав а велира. Ӏесавана СеӀир-лам белира тӀаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кӀентий а Мисар-махка дӀабахара. 5- 24:5 Арадаккхар 3:1–12:42. Ас Муса а, АхӀарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тӀе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тӀаьхьа шу цигара арадехира. 6- 24:6, 7 Арадаккхар 14:1-31. Шун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хӀорда тӀе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, царна тӀаьхьабевлла, Эрзийн хӀорда тӀе кхечира. 7 ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг.

Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь. 8- 24:8 Лелар 21:21-35. Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Ӏаш болчу эмархойн лаьтта тӀе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дӀабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хӀаллакбира уьш шуна хьалха. 9- 24:9, 10 Лелар 22:1–24:25. Муабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта. 10 Амма Суна ца лиира БалиӀаме ладогӀа, тӀаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кӀелхьардехира шу. 11- 24:11 а: Якъуба 3:14-17; б: Якъуба 6:1-21. Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаӀанхой, хьетахой, гӀиргӀашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дӀабелира уьш. 12- 24:12 Арадаккхар 23:28; Карлабаьккхинарг 7:20. Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза. 13- 24:13 Карлабаьккхинарг 6:10, 11. Аш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».

14 КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е. 15 Нагахь санна Везачу Элана Ӏамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Ӏаш болчу хенахь шайн дайша Ӏамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тӀехь Ӏаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю».

16 Халкъо жоп делира: «ХӀан-хӀа, оха Веза Эла дӀа а тесна, кхечу деланашна Ӏамал йийр яц! 17 Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина. 18 Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву».

19 ЮшаӀа элира халкъе: «Везачу Элана Ӏамал ялур яц шуьга, хӀунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. 20 Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу».

21 Халкъо ЮшаӀе элира: «ХӀан-хӀа, оха Везачу Элана Ӏамал йийр ю».

22 ЮшаӀа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Ӏамал ян шайна хаьржина хиларх».

Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!»

23 «Делахь, шайн хӀинца болу хийра деланаш дӀа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тӀедерзаде», – элира ЮшаӀа.

24 Халкъо элира ЮшаӀе: «Тхайн Везачу Далла Ӏамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугӀур ду оха». 25 Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тӀедиллира ЮшаӀа. 26 Дала тӀедиллинарг яздинчу тептар тӀе и дерриг а дӀаяздира ЮшаӀа. Юха боккха тӀулг, схьа а эцна, Везачу Элан цӀенна уллохь лаьттачу ножана кӀел охьабиллира цо. 27 Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «ХӀара тӀулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тӀулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта». 28 Юха халкъ дӀадахийтира ЮшаӀа. Массо а шен-шен цӀа, шен декъа тӀе, дӀавахара.

ЮшаӀ а, ЭлиӀазар а кхалхар

29 Цул тӀаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кӀант ЮшаӀ, кхелхира. Цуьнан бӀе итт шо дара. 30 Шен лаьттан декъа тӀехь, ГаӀаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тӀехь лаьттачу Тамнат-Серахь цӀе йолчу гӀалахь, дӀавоьллира иза.

31 Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал.

32- 24:32 Доладалар 33:19; 50:24, 25; Арадаккхар 13:19; Яхьъя 4:5; Векалийн 7:16. Шехемехь дӀайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьӀахкаш. Уьш дӀайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кӀенташкара Якъуба эцна яра, бӀе дато ахча а делла. Юсупан кӀенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.

33 АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар а кхелхира. Цуьнан кӀантана Пайнехьасана Эпраман лам тӀехь беллачу гу тӀехь дӀавоьллира иза.