Юнус-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Юнус-пайхамарх лаьцна тептар Делан Йозанийн вукху пайхамарех лаьцначу тептарех тера дац, хӀунда аьлча кху тӀехь Дала тӀедиллинарг кхочуш а ца деш леллачу пайхамарх лаьцна дуьйцу. Дала элира цуьнга, исраилхойн луьрачу мостагӀийн – ашурхойн коьртачу гӀала Нунаве гӀо аьлла. Амма Юнусана ца лаьара, Делера болу хаам а эцна, цу гӀала ваха, хӀунда аьлча иза тешна вара Дала, Ша и гӀала хӀаллакйийр ю аьлла, тесна кхерам кхочушбийриг цахиларх. Дуккха а хӀуманаш цунах Ӏиттаделлачул тӀаьхьа Юнус, Далла муьтӀахь а хуьлий, дӀахӀутту, амма, Делера болу хаам кхочуш ца хилча, оьгӀазвоьду иза.

Тептар тӀехь Дала кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь Цуьнан олалла хилар гойту. Амма уггар хьалха тептаро гойту Дела Шеца безам а, къинхетам а болуш хилар. Шен халкъан мостагӀех къинхетам бо Цо, царна таӀзар даран а, уьш хӀаллакбаран а метта.

1

Юнус Везачу Элах вадар

1- 1:1 Сулим 14:25. Аматин кӀанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира:

2 «Хьала а гӀаттий, йоккхачу Нунав-гӀала гӀо! Цигахь лелачу зуламечу гӀуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гӀалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе».

3 Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гӀалахьа дӀаволавелира, Везачу Элах дӀавадархьама. ХӀордан йистехь йолчу Яппи-гӀала а кхаьчна, Таршаш-гӀала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тӀе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дӀавадархьама.

4 Амма Дала, хӀорда тӀехь чӀогӀа мох а балийтина, хӀорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара. 5 Кхерабелла, массо кемалелорхой маьхьарий хьоькхуш бара, хӀораммо а шен-шен деланашка а кхойкхуш. Хинкеманан чуьра кира хӀорда чу кхоьссира цара, кема дайдалийтархьама.

Ткъа Юнус, кеманан лаха чу а воьссина, чӀогӀа наб кхетта вижина Ӏаш вара. 6 ТӀаккха цунна тӀевеара хинкеманан коьрта хьаькам.

«Вижина хӀунда Ӏа хьо? ХьалагӀатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хӀаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» – элира цо.

7 Юххехь болчара барт бира: «Дуьйло, вай кхаж тосур бу, вайна тӀе хӀара бала балийнарг мила ву хаархьама», – аьлла.

Цара кхаж тесира. Юнусана белира и кхаж.

8 ТӀаккха хаьттира хӀордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тӀе хӀара беза бала? Хьо хӀун лелош ву? Стенгара вогӀу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» – бохуш.

9 «Со Ӏебархо ву. Со латта а, хӀорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», – аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса.

10 Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах, хӀунда аьлча Юнуса ша Далла дуьхьалара къайлаваларан бахьана ма-дарра дийцинера цаьрга. Наха бохура цуьнга: «ХӀунда дина-те ахьа иза?»

11 Юха а хаьттира цара Юнусе: «ХӀун дан деза оха хӀорд дӀатейтархьама?» – хӀунда аьлча хӀорд карзахбаьллачуьра соцуш бацара. 12 Юнуса элира цаьрга: «Со, схьа а лаций, хӀорда чу кхосса, тӀаккха хӀорд дӀатуьйр бу шуна. Суна хаьа, со бахьана долуш тӀебеаний шуна хӀара беза бала».

13 Ткъа хӀара нах, шайгахь ницкъ мел бу гӀоьртина, пийсакаш хьекха буьйлабелира, лаьтта тӀе кхачархьама. Амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча хӀорд, карзахбаьллачуьра ца соцуш, кхин а чӀогӀа адамашна дуьхьалбаьллера. 14 ТӀаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хӀаллак хӀокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хӀара стаг бехке вацахь, цуьнан цӀий тхох ма хьарчадехьа, хӀунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш.

15 ТӀаккха цара Юнус, схьа а лаьцна, хӀорда чу кхоьссира. ХӀорд карзахбаьллачуьра дӀатийра. 16 Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагӀа а даьккхира, нигаташ а дира.

2

Юнусан доӀа

1- 2:1 Маттай 12:40. Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь. 2 Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле. 3 Цо элира:

«Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас,

тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира.

Эхартара цӀогӀа туьйхира ас,

тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.

4 ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со.

Хин Ӏовраша го бина суна.

Хьан массо тулгӀенаш, со керчош,

тӀехула евлла суна.

5 ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара

дӀаваьккхина Ахь со,

амма суна юха а гур ду

Хьан Деза ЦӀа“.

6 Бух боцучу хӀордо къевлина со,

сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино.

Сан коьртах

хӀордан бецаш хьаьрчина.

7 Лаьмнийн буха кхаччалц

охьавеана со.

Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина,

лаьтто дӀакъевлина со.

Амма Ахьа, Сан Веза Дела,

хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра.

8 Кхин сайн тоха са ца хилча,

суна дагавеана Хьо, Веза Эла,

тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга

дӀакхаьчна сан доӀанаш.

9 Эрна а, харц а деланаш лоруш берш

шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.

10 Амма сайна тӀера сагӀа

сайн озаца хастам беш доккхур ду ас.

Сайн нигат а кхочушдийр ду ас.

Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!»

11 ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира.

3

Юнус Нунав-гӀала воьду

1 Везачу Элера шозлагӀа а хаам хилира Юнусе:

2 «Вало, гӀо Нунав-гӀала! Цигахь, оцу йоккхачу гӀалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург».

3 Дала ма-бохху, Нунав-гӀала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гӀала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза. 4- 3:4, 5 Маттай 12:41; Лака 11:32. ТӀаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гӀала!» – бохуш.

5 ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш+ 3:5 *Вон тӀедеача юхуш йолу бедарш *– и бедарш хилла таьӀначу шогачу кӀадинах тегна.* тӀеюьйхира.

6 Нунавара паччахье а кхечира гӀаланах лаьцна беш болу хаам. ТӀаккха и паччахь, шен гӀанта тӀера хьала а гӀаьттина, шен паччахьан духар дӀа а даьккхина, кхин, вон тӀедеача юхуш йолу, бедарш тӀе а юьйхина, чим тӀе охьахиира. 7 ТӀаккха цо Нунав-гӀалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагӀаша а хӀумма а ма яа, цхьа а беже ма гӀо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла. 8 «Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», – аьлла. 9 «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгӀазло вайна тӀера дӀа а яьккхина, вай хӀаллак ца деш дита мега Цо».

10 ТӀаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТӀаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.

4

Дала къинхетам бар Юнусана халахетта

1 Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара. 2- 4:2: Арадаккхар 34:6. ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле:

«Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гӀала, хӀунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгӀаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача. 3- 4:3 Сулим 19:4. Ткъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул».

4 ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?»

5 Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза. 6 ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат+ 4:6 *Орамат *– иза ду касторка, цуьнан стоьмаш чохь даьтта хуьлу, шуьйра гӀаш хуьлу.* кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чӀогӀа хазъелира. 7 Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира. 8 Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», – бохуш.

9 Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?»

Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чӀогӀа оьгӀазвахана!»

10 ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь. 11 Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?»