Юал-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Юал-пайхамарх лаьцна кӀеззиг бен хууш дац. Масала, иза маца вехаш хилла ца хаьа. Схьахетарехь, хӀара тептар дӀаяздина пхоьалгӀачу я доьалгӀачу бӀешарахь, Дала леррина Къобалвинарг дуьнен чу валале, парсихойн пачхьалкх йолчу хенахь. Исраил-махка чу эскаррал дукха цӀоз догӀург хиларх а, цигахь йокъа лаьттарг хиларх а лаьцна дуьйцу Юала. И билгалонаш кхочушхиларехула цунна го, Везачу Элан де тӀедогӀург хилар. Цу дийнахь Везачу Эло таӀзар дийр ду Шен нийсачу лаамна дуьхьалбевллачарна. Пайхамаро дуьйцу, Везачу Эло халкъе кхойкху, метта а долий, Далла тӀедерза бохуш. Халкъо иза дахь, Везачу Эло ваӀда до, Ша Шен Са массо а нахана тӀе дохуьйтур ду аьлла – божарий а, я зударий а, къона берш а, я баккхий берш а уьш белахь а.
1ЦӀазан тӀелатар а, йокъа а
1 Патуалан кӀанте Юале Везачу Элера хаам хилира.
2 ЛадогӀа бохучуьнга, къаной!
Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой!
Хиллий те хӀара саннарг
шу я шун дай баьхначу деношкахь?
3 ДӀахаийта хӀара шайн берашка,
цаьрга а дӀадийцийта церан берашка,
ткъа церан берашка – хинйолчу тӀаьхьене.
4 ЦӀазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг
шолгӀачу арданго дуура,
ткъа царах диснарг
кхоалгӀачу арданго дуура,
ткъа царах диснарг
йоьалгӀачу арданго чекхдоккхура.
5 Дастало, маларо дахийнарш, делха,
тийжа, массо а чагӀар муьйлурш,
шайн багара иза дӀадаьккхина дела!
6- 1:6 Довзийтинарг 9:8. Сан лаьтта тӀе нуьцкъала а,
барам боцуш дукха а цӀазан эскар деана.
Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю,
ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.
7 Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна,
Сан инжиран дитташ а, дохийна,
дерзина а даьхна, дӀакхиссина!
Церан гаьннаш а кӀайделла.
8 Сингаттаман духар тӀе а дуьйхина,
шен къоначу заманчохь дош деллачунна
йоьлху йоӀстаг санна, делхийша!
9 ДӀасецна Везачу Элан цӀа чохь
кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
Тийжаш бу Везачу Элана
гӀуллакх деш болу динан дай.
10 Дассийна кхаш,
доьлху латта,
ялта хӀаллакдина,
кемсийн мутт дӀалекъна,
зайт-дитт а маргӀалдоьлла.
11 Эхьах дузийша, латталелорхой,
делхийша, кемсашлелорхой,
гӀайгӀане хилийша кӀена а, мекхана а,
хӀунда аьлча хӀаллакьхилла кхаш тӀехь ялта.
12 Якъаелла кемсийн таьлланг,
инжиран дитт а маргӀалдоьлла.
Наран дитт а, хурмин дитт а, Ӏожан дитт а –
дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь.
Цундела массо а адамийн
сакъерадалар а дӀадаьлла.
13 Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай!
Тийжа, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь гӀуллакх дийраш!
Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий,
буьйсанаш яха, сан Далла гӀуллакх дийраш!
ХӀунда аьлча шун Делан цӀа чохь лелош дац
кӀен а, чагӀаран а сагӀа даккхар.
14 ДӀахӀоттадейша Далла марха кхабар,
схьакхайкхийша халкъ динан гуламе,
схьакхайкхийша къаной а,
кху мехкан берриг а бахархой а
шайн Везачу Делан цӀа долчу.
ГӀо доьхуш кхайкхийша,
кхайкхийша Везачу Эле!
Везачу Эло кхел ен де
15- 1:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:6. ЭхӀ, ма де ду-кх иза!
ХӀунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де.
Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хӀума а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.
16 Вайн бӀаьргашна хьалхара
дӀа ца баьккхинера кхача?
Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина
сакъерадалар а, хазахетар а?
17 ХӀуш хӀаллакьхилла лаьттан бухахь,
уьш дакъаделла долу дела.
ЧӀоьнаш а яссаелла,
уьш йохийна йолу дела.
18 Ма узарш до даьхнино!
Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш!
Яц царна дежийлаш.
УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.
19 Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла!
ЦӀеро ма ягийна
яьссачу аренан дежийлаш.
ЦӀеран алуно дагийна
аренашкара дерриге а дитташ.
20 Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга,
охьаоьхуш хилла йолу хин Ӏовраш якъаелла дела,
цӀеро яьссачу аренан дежийлаш хӀаллакйина дела.
2Дала мостагӀчун эскарехула таӀзар дар
1 Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь!
Орца даккхийша Сан безачу лам тӀехь!
Бегабойла хӀокху мехкан берриг а бахархой,
хӀунда аьлча Везачу Элан де тӀедогӀу, иза герга ду.
2 И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду,
мархаш а, дохк а долуш.
Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна,
доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу.
Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац,
ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.
3 Цунна хьалха дерг цӀеро дагадо,
цунна тӀаьхьа дерг алуно морцу.
Цуьнан хьалхара латта Ӏеданан беш санна ду,
ткъа цунна тӀаьхьарниг – яссийна аре ю.
Цунах цхьа а хӀума кӀелхьардалалур дац.
4- 2:4, 5 Довзийтинарг 9:7-9. Цуьнан васт – дойн васт санна ду.
Церан хахкадалар тӀеман говрийн санна ду.
5 Иза гӀудалкхийн гӀовгӀанца санна,
ча догуш лелха цӀеран суйнаш санна,
тӀамана дӀахӀоттийна нуьцкъала эскар санна,
лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела.
6 Иза шайна гича, дегор ду халкъаш,
бос а байна, дӀахӀуьттур ю массеран а яххьаш.
7 Къовсабелларш санна бовду уьш,
пенашна тӀе бовлу уьш, майра тӀемалой санна.
ХӀора а шен-шен новкъа дӀавоьду,
шен некъа тӀера ца вухуш.
8 Вовшийн а ца хьоьшуш,
хӀораммо а шен некъ бо.
Дуьхьалонашкахула уьш ма лелха,
ткъа царна хӀумма а ца хуьлу.
9 ГӀали чухула бевдда лела уьш,
пенашна тӀе хьалабуьйлу,
цӀеношна чу гӀерта,
къуй санна, корашкахула чулелха.
10- 2:10 Довзийтинарг 8:12. Царна хьалха латта дегадо,
стигал лестайо,
малххий, буттий кхулу,
седарчаша схьалуш йолу серло а дӀайолу.
11- 2:11 Довзийтинарг 6:17. Веза Эла эскарна хьалха воьду,
Цо Шен эскаре омра до.
Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар!
Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш!
Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду.
Хьаьнга лалур ду те и къематде?
Далла тӀедерзаре кхайкхам
12 Амма Везачу Эло хӀинца а боху:
«ТӀедерза Суна цӀеначу даггара
шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
13 Бедарш а ца этӀош, шайн дегнаш этӀаде».
ТӀедерза шайн Везачу Далла!
Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву.
Иза атта оьгӀаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву.
Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.
14 Хьанна хаьа, дохко а ваьлла,
къинхетам бийр бац те Цо?
ТӀаккха шун таро хир ю
шайн Везачу Далла лерина
кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха.
Деле доӀа даре кхайкхам
15 Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь,
дӀахӀоттадейша Далла марха кхабар,
кхайкхийша халкъ динан гуламе.
16 Схьагулдейша халкъ,
базбейша и гулам,
схьакхайкхийша къаной,
схьагулбейша къонахий а,
декхаш долу бераш а.
Араволийла хӀинца зуда ялийнарг ша вехачу хӀусамера,
нускал а арадолийла шен цӀа чуьра.
17 Далла гӀуллакх деш болу динан дай тийжийла
кевнна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъехь.
Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах.
Ма кхардийтахьа Хьайн тӀаьхьенах,
кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах.
Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь:
„Мичахь ву церан Дела?“»
Дала жоп далар
18 ТӀаккха Везачу Элана Шен латта чӀогӀа дукхадийзира.
Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира.
19 Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира:
«ХӀан, Ас лур ду шуна
ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а.
Царах дузуш Ӏийр ду шу.
Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.
20 Къилбаседехьара деана эскар Ас шуна генадоккхур ду.
Хи доцучу, баьссачу махка дӀаэккхор ду Аса иза.
Цуьнан хьалхара арданг Малхбале хӀорда чу кхуссур ю,
ткъа тӀаьхьарниг – Малхбузе хӀорда чу.
ТӀаккха цунах цхьа боьха хьожа йогӀур ю,
яхкаеллачу хӀуманийн боьха хьожа хьалаетталур ю,
цо шуна сийлахь гӀуллакхаш дарна.
21 Ма кхерийша, аренаш,
яккхийъейша, самукъане хилийша,
Везачу Эло шуна сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
22 Ма кхерийша, дийнаташ!
Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю.
Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу,
инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.
23 Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий,
сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна.
Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа.
Цо, хьалха санна, даийтира шуна
хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.
24 Хьаьттарш а ялтех юзур ю,
муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а,
зайтдаьттанах а тӀехъюьзна хир ю.
25 Шу долчу Ас тӀехецначу эскаро –
цӀазан хьалхара арданго а,
цӀазан кхин мел йолчу ардангаша а –
хӀаллак мел динарг, Ас меттахӀоттор ду. 26 Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу.
Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша,
шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела.
Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.
27 ТӀаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар.
Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац,
Сан халкъ кхин цкъа а
юьхьӀаьржачу а хӀуттур дац».
Дала Шен Синан Ӏаь дерриг а адамна тӀетохар
28- 2:28-32 Векалийн 2:17-21. «Цул тӀаьхьа иштта хир ду:
Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.
ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина,
Делера болу хаамаш беш хир бу.
Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду.
Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.
29 Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а,
Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.
30 Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю
стигалахь а, лаьттахь а:
цӀий, цӀе, кӀуьран бӀогӀамаш.
31- 2:31 Маттай 24:29; Марк 13:24, 25; Лака 21:25; Довзийтинарг 6:12, 13. Малхах бода хир бу,
баттах цӀий хир ду,
Везачу Элан де тӀекхачале.
Иза сийлахь а, къемате а ду.
32- 2:32 Римхошка 10:13. Цу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву.
Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар
Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду.
КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».
3Дала Шен халкъан мостагӀашна таӀзар дар
1 «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а
Ас юхаметтахӀоттор ю ЯхӀуд а, Ярушалайм а.
2 Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду.
Уьш ЯхӀушапти-тогӀи+ 3:2 *ЯхӀушапти *– Ӏебархойн маттахь иза «кхелъяр» бохург ду.* чу схьадалор ду Ас.
Цигахь Ас царна тӀехь кхел йийр ю
Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш.
ХӀунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дӀасадаржийна,
Сан латта а цара дӀасадекъна.
3 Цара Сан халкъах кхаж туьйсура,
кӀентий а дӀалора нахаца лелачу зудчух,
йоӀ а чагӀарх дӀаюхкура, маларш а муьйлура.
4- 3:4-8 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7. Шу-м хӀун яра Суна, Цора а, ЦӀадан а гӀаланаш, пӀелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 5 Сан дети а, Сан деши а аша дӀадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хӀуманаш а шайн деланийн цӀенош чу яьхьна. 6 ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дӀабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. 7 Хьажал, аша дӀабоьхкинчу меттера Аса хьалагӀиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 8 Шун кӀентий а, йоӀарий а яхӀудхошна дӀабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дӀабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло.
9 «ДӀакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь:
„ТӀамана кечам бе,
иракарахӀиттабе доьналла долу эскархой,
дуьхьалбовлийта массо а тӀемалой.
10- 3:10 ЕшаӀ-ЯхӀу 2:4; Мика-ЯхӀу 4:3. Шайн готанийн хьонхалех тарраш де,
маьрсех – гоьмукъаш бе.
ГӀорасиза волчо а ала:
‘Со ницкъ болуш ву’.
11 Сихло, тӀегулло,
гонах мел долу къаьмнаш,
схьадуьйла оцу тогӀи чу“».
Веза Эла, охьабигахьа Хьайн доьналла долу эскархой!
12 «Иракара а хӀиттина, къаьмнаш
ЯхӀушапти-тогӀи чу догӀийла:
Со циггахь охьахуур ву,
гонахарчу массо а халкъашна кхел ярхьама.
13- 3:13 а: Довзийтинарг 14:14-16; б: Довзийтинарг 14:19, 20; 19:15. ТӀедерзаде маьрсаш,
ялта кхиъна дела.
Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Ӏовда,
муттдоккхург юьзна дела.
Муттанан пхьегӀаш чуьра мутт тӀехъоьхуш ду,
цара дина зулам доккха долу дела».
Ярушалаймана дина ваӀда
14 Тобанаш, тобанаш ю
кхел ечу тогӀи чохь.
Гергга деана Везачу Элан
оьгӀазаллин де оцу тогӀина!
15 Малх а, бутт а кхоьлина бу.
Седарчийн лепар а дӀадайна ду.
16- 3:16 Ӏамос 1:2. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара,
Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо.
Стигал а, латта а дегор ду.
Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла,
Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.
17 «ТӀаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла,
Сайн безачу Цийон-лам тӀехь вехаш волу.
Ярушалайм еза меттиг хилла дӀахӀуттур ю.
Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а
Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».
ЯхӀуд-махкана хиндолу беркат
18 «Цу дийнахь иштта хир ду:
лаьмнаша чагӀар охьаӀенор ду,
баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю,
ЯхӀуд-мехкан татолаш а хих дузур ду.
Везачу Элан цӀа чуьра шовда охьадогӀур ду,
ткъа цо Шитим-тогӀина хи мийлор ду.
19 Мисар-махках яьсса аре хир ю,
ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю.
Иза хир ду царна яхӀудхошна цара ницкъ бар а,
ЯхӀуд-махкахь бехк боцучеран цӀий Ӏанор а бахьана долуш.
20 Ас царна бекхам бийр бу,
хӀинца а таӀзар даза дисина цӀий бахьанехь.
Амма ЯхӀуд-махкахь даим адамаш дехар ду,
Ярушалаймехь а ехар ю тӀаьхьенийн а тӀаьхьенаш.
Ткъа Веза Эла Цийон-лам тӀехь вехаш хир ву».