Аюб

Дешхьалхе

Аюб цӀе йолчу тептар тӀехь цхьана дикачу стагах лаьцна дуьйцуш ду. Оцу стагана боккха бохам тӀебогӀу – цуьнан дерриге бераш а, бахам а бов, ткъа дегӀах цхьа дегаза ун лета. Байташца олу къамелаш тӀехь долчу тептаран кхаа декъехь яздархочо гойту бохамаш беанчул тӀаьхьа Аюбан доттагӀаша а, Аюба ша а йина ойланаш. Оцу къамелашкахь дукха дуьйцу Делан адамашца йолчу юкъаметтигех лаьцна. Тептаран чаккхенахь Дела Ша Аюбана дуьхьалхӀутту.

Аюбан доттагӀаша цо хьоьгу Ӏазапаш туьду хӀетахьлерчу динан ламасташца догӀучу дешнашца. Царна моьтту, Дела даим дикачунна совгӀат луш а, вочунна таӀзар деш а ву. Иштта, Аюба Ӏазапаш хьегаро гойту цо къинош летийна хилар. Амма Аюбана цунах кхета дукха атта ду. Цунна моьтту, ша дика а, нийса лелаш а стаг хиларна, цу тайпана къиза таӀзар шена ца догӀу. Иза ца кхета, Дала сел доккха зулам шена хӀунда хилийтина. Иза майрра Деле вистхуьлу, и хӀума кхетор доьхуш. Шен Делах долу тешар дан а ца довш, Далла хьалха ша бехказаваккхарх а, дикачу стагана санна шена догӀу сий айаре а сатуьйсуш ву Аюб.

Аюба динчу хаттаршна билггал долу жоп ца ло Дала, амма, Аюбан тешар бахьана долуш, Дала цуьнга пайхамаре санна хаам бо. Дала цунна дуьхьал сурт хӀоттадо Шен ницкъах а, хьекъалх а лаьцна. ТӀаккха Аюба къобалдо Дела хьекъале а, сийлахь а хилар. Ша акха а, оьгӀазе а дешнаш аларна дохковолу иза.

Тептар чекхдолучу декъа тӀехь дуьйцуш ду хьалха хиллачул а сов Аюбан хьал юхаметтахӀоттарх лаьцна. Дала бехкебо Аюбан доттагӀий, уьш Аюба хьоьгучу Ӏазапийн маьӀнах ца кхетарна. Аюбана бен ца хиира Дела хӀетахьлерчу динан ламасташа дуьйцучул сийлахь хилар.

1

Иблисо Аюб зер

1 ӀуцӀа-махкахь вехаш вара Аюб цӀе йолу цхьа стаг. Иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш вара иза. 2 Аюбан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а дара. 3 Цуьнан ворхӀ эзар уьстагӀ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бӀе шуьста а, пхи бӀе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.

4 Цуьнан кӀенташа тойнаш хӀиттадора, рогӀ-роггӀана кхиберш шайн-шайн хӀусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Ӏайтархьама. 5 Тойнийн го дӀабирзинчул тӀаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цӀанбайтархьама. Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀоттий, цо хӀора берана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хӀума массо а хенахь дора.

6- 1:6 Доладалар 6:2. ТӀедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀутту де. Цаьрца цхьаьна шайтӀа+ 1:6 *ШайтӀа *– иза иблисан кхин цӀе ю.* а деъна. 7 Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?»

Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».

8 ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш ву иза».

9- 1:9-11 Довзийтинарг 12:10. Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? 10 Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цӀа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. 11 Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хӀуманна тӀе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву».

12 ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хӀума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Ӏотта». ШайтӀа Веза Эла волчуьра дӀадахара.

Аюбан бераш а, бахам а хӀаллакьхилар

13 Цхьана дийнахь Аюбан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш Ӏаш бара шайн воккхаха волчу вешин цӀахь. 14 Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тӀехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра. 15 Амма цӀеххьана тӀелеттачу шебахоша+ 1:15 *Шебахой *– иза къилбера еана йолу талорхойн жӀуга яра.* хьан даьхни лаьхкина дӀадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».

16 Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цӀе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагӀий а, ялхой а дӀакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».

17 И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агӀонгара хашадхой тӀе а летта, цара эмкалш лаьхкина дӀайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хӀаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».

18 ХӀара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь. 19 ЦӀеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цӀийнан биъ пен охьабожийра. ЦӀа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».

20 Аюба, хьала а гӀаьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра. Шен месаш дӀа а лергина, голаш тӀе а хӀоьттина, суждане вахара иза. 21 Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дӀа а гӀур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дӀа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цӀе!»

22 И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Ӏиттарш а ца йина.

2

ШайтӀано юха а Аюб зер

1 Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара. 2 Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» – аьлла.

Везачу Элана жоп луш, шайтӀано элира: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».

3 Везачу Эло шайтӀане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хӀуманах ларлуш ву. Иза хӀинца а чӀогӀа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахӀоттийнехь а».

4 Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало. 5 Хьайн куьг дӀа а кховдадай, цуьнан даьӀахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бӀаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»

6 Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».

7 ШайтӀа Везачу Элана уллора дӀадахара. Цо Аюбан дегӀа тӀе когаш тӀера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даӀ туьйхира. 8 Цу даӀ тӀе хьакха кхийрачу пхьегӀех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тӀе охьахиира Аюб. 9 Цуьнан хӀусамнанас цуьнга элира: «Хьо хӀинца а чӀогӀа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тӀаккха хьо лийр ву!»

10 Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дӀататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.

Аюбан доттагӀий

11 Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагӀчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наӀматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама. 12 Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧӀогӀа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тӀера бедарш а этӀош, коьрта тӀехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. 13 ВорхӀ дийнахь а, ворхӀ буса а Ӏийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хӀунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.

3

Аюб вистхилар

1- 3:1-19 Ярми-ЯхӀу 20:14-18. Цул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира. 2 Цо бохура:

3 «ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а,

сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а.

4 Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де,

стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла,

Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла!

5 Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза.

Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла.

Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.

6 Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла!

Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза,

беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла!

7 Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла!

Ма хезийла цу буса синкъераме аз!

8 Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу

бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна!

9 Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла!

Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна,

маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна!

10 Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а,

цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!

11 ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш,

хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь?

12 ХӀунда эцна со шайн кара,

хӀунда белла суна накха?

13 ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со,

синтемехь а хир ма вара со,

14 паччахьашца а, хьехамчашца а,

дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу.

15 Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш,

шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу.

16 Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина?

Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина?

17 Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу,

шаьш кешнашка ма-кхеччи,

дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу.

18 Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу,

шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш.

19 Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу,

ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу.

20 ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло,

синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло?

21- 3:21 Довзийтинарг 9:6. Цара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу,

мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.

22 И санна болу нах, шайна каш карийча,

баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла.

23 ХӀунда луш ю адамна серло,

цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча,

массо а агӀор Дала цунна го бина хилча?

24 Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду,

хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду.

25 Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи,

со кхоьруш хилларг суна хили.

26 Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац,

я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла».

Къамелийн хьалхара дакъа

(4:1–14:22)

Элипаз

4

1 Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира:

2 «Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те?

Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву?

3 Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора,

гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,

4 гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора,

ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.

5 Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву,

хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.

6 Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те?

Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?

7 Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна,

я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний?

8 Зулам охучара а, вониг тосучара а

бохамийн ялта схьаэцар гина суна.

9 Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо,

Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо.

10 Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту,

къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.

11 Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле,

ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа.

12 Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга,

сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,

13- 4:13 Аюб 33:15. сингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна,

чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь.

14 Суна чӀогӀа кхерам тесна дела,

сан массо а даьӀахк егош яра.

15 Суна тӀехула цхьа са дӀадахара,

ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира.

16 Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора,

сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара.

Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:

17 „Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила?+ 4:17 *Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? *– я иштта: *Делал бакъахьара хир дуй адам?*

Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила?+ 4:17 *Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? *– я иштта: *Ша кхоьллинчул а цӀена хир дуй иза?*

18 Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац,

ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го.

19 Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех,

церан догӀмаш поппарх дича санна долчу,

церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу.

Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду.

20 Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду,

цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу.

21 Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху.

Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».

5

Элипаза кхидӀа а элира

1 «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду?

Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду?

2 Карзахвийларо сонтаниг войур ву,

хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву.

3 Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна,

амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас.

4 Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду.

Нагахь гӀалин кевнна уллохь

цаьрца стаг кхеле валахь,

царна гӀо дан цхьа а вац.

5 Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду,

цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду,

ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.

6 Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац,

ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац.

7 ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара,

адам бала хьега кхоьллина ду.

8 Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара,

сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара.

9 Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш,

Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац.

10 Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту,

кхаш тӀе хи а дуьллу.

11 Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху,

тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.

12 Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо,

уьш кхочуш ца хилийтархьама.

13- 5:13 1 Коринтхошка 3:19. Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу,

мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.

14 Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча,

буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.

15 Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху,

мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво.

16 Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю,

ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо.

17- 5:17 Кицанаш 3:11, 12; Ӏебархошка 12:5, 6. Декъала ву Дала нисво стаг.

Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета,

18- 5:18 ХӀушаӀ 6:1. хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку.

Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.

19 Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо,

уьш хьох хьакха а лур бац.

20 Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву,

тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.

21 Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву,

бохам хьайна тӀебеача,

цунах хьо кхера ца веза.

22 ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву,

акхаройх а хьо кхоьрур вац.

23 Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу,

акхарой а хир ю хьоьца машарехь.

24 Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла,

ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла.

25 Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар,

хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.

26 Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц,

ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора.

27 И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна,

цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца».

Аюба Элипазана жоп далар

6

1 Аюба иштта жоп делира:

2 «Сан гӀайгӀа озалур елахьара!

Сан бала терзанна тӀе буьллур белахьара!

3 Иза хӀордан йистера гӀамарал а беза хир бара.

Цундела ду сан къамел сел доьхна!

4 Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегӀах дохкуш.

Сан синна хаало церан дӀовш,

Делан къематаш ду суна тӀедерзийна.

5 Акхачу виро мохь хьоькхий баца тӀехь?

Сту Ӏоьхий шен хьаьвданна тӀехь?

6 Чаьмза хӀума йоий туьха доцуш?

Чам буй хӀоьан кӀайчу декъан?

7 Бац! Аса и тайпа яа хӀума юур яц!

И кхачанаш суна дегаза хета!

8 Сан дехар кхочушдийр делахьара!

Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!

9 Со дӀахьаша Дела реза хилахьара!

Куьг дӀа а хецна, Цо со хӀаллаквийр велахьара!

10 Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара,

хӀара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а,

воккхаверна со ирхлелхаш хир вара,

Везачу Делан дешнаш аса дӀатеттина ца хиларна.

11 Сан гӀора дӀадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц,

кхидӀа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.

12 Сан ницкъ тӀулг санна бу те?

Сан дегӀ цӀастанах дина ду те?

13 Буй те соьгахь сайна гӀо дан ницкъ,

буй те сан тӀетовжа меттиг?

14 Дог доьхначу доттагӀчунна тешаме воцу стаг велахь,

иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.

15 Амма шу тешаме дац, сан вежарий.

Сиха йоьдучу хин Ӏоврех болччул бен тешам бац шух,

16 шайна чохь дешаш долу ло а,

шен гӀорзанаш а хиларна Ӏаржъелла йолчу.

17 Йохъелча, уьш къайлайовлу,

йовхонан чилла йоьлча,

шайн меттигашкахь якъало.

18 Церан некъан хершнаш хьийза,

ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дӀайовлу.

19 Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху,

Шеба-махкара богӀуш берш а сатийсамца дӀасахьоьжу.

20 Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш,

амма цига кхаьчча, дог доьхна дӀахӀуьтту уьш.

21 ХӀинца шу а ду иштта: шайна вон гича,

кхера а лой, дӀахӀуьтту шу.

22 Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“,

я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,

23 я „МостагӀийн карара со паргӀатваккхийша“,

я „Къизачу нахах кӀелхьарваккхийша“?

24 Соьгара даьлларг дийцийша суна.

Схьагайтийша, со стенна тӀехь харц ву.

ТӀаккха со дӀатийна хир ву.

25 Ма боккха ницкъ бу-кх догцӀеначу дешнашкахь!

Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?

26 Ас дина къамел тӀехтоха дагахь ду шуна?

Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?

27 Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша,

шайн доттагӀа дикачу мехах дӀавухкур вара аша.

28 Ткъа хӀинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга,

дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?

29 Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг.

Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.

30 Аса шуна харцдерг ца дуьйцу.

Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»

7

1 Аюба элира:

«Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду.

Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду.

2 Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву,

иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву.

3 Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду,

гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю.

4 ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“

Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со.

5 Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна,

дегӀа тӀера чкъор эттӀа,

ткъа цу чевнашна ноткъа йина.

6 Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь

дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха,

сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу.

7 Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла,

сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла.

8 Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац.

Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац.

9 Марха, нилха а йолий, дӀайоьду,

иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу.

10 Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац,

цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац.

11 Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац –

аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду,

сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу.

12 Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те,

Ахьа со ларван гӀарол хӀотто?

13 „Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу,

сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, – аьлла, аса ойла йича,

14 Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво,

буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво.

15 Цундела со садукъдина валар гӀоле яра,

хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул.

16 Суна сайн дахар къахьделла.

Массо а ханна со вехаш хир вац.

Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду.

17- 7:17 Забур 8:5; 143:3. ХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах?

Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву?

18 ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна?

ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь?

19 Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху?

Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту?

20 Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара,

Хьуна хӀун зен дийр дара ас?

ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа?

Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те?

21 Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до?

Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо?

Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву.

Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац».

Аюбе Билдада къамел до

8

1 ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира:

2 «Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел?

Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.

3 Дала бакъдерг гамдо те?

Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?

4 Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь,

и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна.

5 Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь,

нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,

6 хьо билггал дика а, догцӀена а велахь,

Иза хьуна орцах ван хьелур вац,

хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю.

7 Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду,

хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.

8 Хьайн дайшка хатта,

царна гинчух лаьцна ойла е.

9 Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа,

дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло.

10 Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга,

шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:

11 „Уьшал йоцучохь шач тӀейолий?

Хи доцучохь эрз тӀеболий?

12 Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча,

вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу.

13 Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш.

Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла.

14 Цуьнан сатуьйсийла ледара ду,

цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу.

15 Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац,

цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“.

16 Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву,

цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна.

17 Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду,

жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш.

18 Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича,

и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду.

Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“

19 Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар,

ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу.

20 Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу,

вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.

21 Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар,

Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.

22 Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу,

иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац».

Аюба Билдадана дуьхьал жоп ло

9

1 ТӀаккха Аюба жоп делира:

2- 9:2 Аюб 4:17. «Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух.

Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?

3 Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь,

эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.

4 Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу,

Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?

5 ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху,

Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до.

6 Цо латта меттах а доккху,

цуьнан баххаш дега а до.

7 Цо омра дича, малх а схьакхетар бац,

Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю.

8 Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо,

Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг.

9- 9:9 Аюб 38:31; Ӏамос 5:8. Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а,

иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.

10 Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду,

Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац.

11 Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац,

Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.

12 Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву?

Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“

13 Дала Шен оьгӀазалла сацор яц,

хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а

Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра.

14 Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца?

Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума?

15 Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац.

Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.

16 Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а,

со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча.

17 Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета,

бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,

18 соьга доккха са ца доккхуьйту Цо,

сан дахар баланех хьаладузу.

19 Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву.

Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“

20 Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра.

Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.

21 Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а,

хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.

22 Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду.

Бехк боцург а ле, бехк берг санна.

Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.

23 Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача,

бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.

24 Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду,

ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу.

Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?

25 Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду,

цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду.

26 Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду,

шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш.

27 Ас Хьоьга ала тарлора:

„Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас,

сайн юьхь самукъане хилийта“.

28 Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча

суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла.

29 Со юха а бехке узур хилча,

стенна хьега деза аса эрна къа?

30 Лайн хица юьхь аса йилича а,

сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а,

31 Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара.

Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.

32 Веза Эла со санна долу адам ма дац.

Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а,

со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.

33 Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара+ 9:33 *Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: *Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Тхуна юкъахь юкъалеларг вац.*,

шен куьйгаш тхуна тӀедахка.

34 Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла,

со Шен къематаца Цо кхера ма войла.

35 ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара,

хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву».

10

Аюба кхидӀа а элира:

1 «Сан синна сан дахар къахьделла.

Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш.

Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.

2 Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел.

Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь?

3 Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а,

Хьайн куьйгаша виначух кхардар а,

ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?

4 Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан,

я адамна санна са го те Хьуна?

5 Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар?

Адаман санна ду те Хьан шераш?

6 Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те?

Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?

7 Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь,

Ахь со дӀа ца хоьцу,

со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац.

8 Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со,

кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со?

9 Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар.

ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?

10 Ахьа со, шура санна, охьавоьттира,

ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со.

11 Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе,

даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.

12 Ахьа суна дахар делира,

хедар боцу безам а белира,

гӀайгӀа барца сан са а лардеш.

13 ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг,

суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.

14 Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара,

аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара.

15 Со бехке велахь – декъаза хуьлийла со!

Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац.

Эхь хетарх вуьзна ву со,

балано со вахийна.

16 Со жимма хьалатаьӀӀашехь,

лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна,

Хьайн тамашийна ницкъ

юха а суна дуьхьалбоккхуш.

17 Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху,

Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш.

Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.

18 ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа?

Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара!

19 Со цкъа а хилла а ца хиллехьара!

Ненан кийрара схьаволлушехь,

коша чу виллина со хиллехьара!

20 Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те?

ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,

21 юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале –

бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка,

22 Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка,

серло а боданах тера йолчу махка“».

Цупара Аюбаца къамел до

11

1 ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:

2 «Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те?

Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?

3 Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна?

Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?

4 Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву,

Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.

5 Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила,

хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.

6 Шен хьекъалаллин къайленаш

Дала хьуна йовзуьйтур елахьара,

бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна.

Суна луур дара хьуна хаийта, Далла

хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.

7 Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те?

Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?

8 Иза стигалел лекха ду –

муьлха адам цига кхачалур ду?

Иза эхартал кӀорга ду –

муьлхачу стагана иза хаалур ду?

9 Цуьнан барам лаьттал беха бу,

иштта иза хӀордал шуьйра бу.

10 Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина,

иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?

11 Цунна харцонаш лелориг вевза.

Нагахь санна Цунна зулам гахь,

Цо иза дагахь латтор дац?

12 Хьекъал доцург хьекъале верзийча,

виркхело йинчу вирах адам хир дара.

13 Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза,

Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.

14 Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь,

хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа,

ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.

15 ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо,

цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.

16 ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа,

дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.

17 Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара,

боданах Ӏуьйренан серло хир яра.

18 Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара.

Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.

19 Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара,

дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.

20 Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду,

шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц.

ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».

Аюба Цупарна жоп ло

12

1 ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:

2 «Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша?

Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!

3 Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна.

Ткъа со а ма вац шул оьшуш –

иза хьанна ца хаьа?

4 Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу,

сох белам хилла сан доттагӀашна.

Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.

5 Синтем болчунна моьтту

бохамах кхарда веза.

Ког тасабелларг чутоттуш ву.

6 ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь,

Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу,

цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.

7 ТӀаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна,

стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.

8 Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна,

хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.

9 Царах массарах а хьанна ца хаьа,

Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?

10 Цуьнан карахь ду хьуна

массо а дийначу хӀуманийн синош а,

иштта массо а адамийн синош а.

11 Маттана юучун чам хааре терра,

лергана а ца девза ткъа дешнаш

12 Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна,

дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.

13 Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а,

иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.

14 Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац,

Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.

15 Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю,

Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.

16 Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю,

Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.

17 Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо,

кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.

18 Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий,

лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.

19 Динан дай Цо даржах эшабо,

чӀагӀбина куьйгалхой херцабо,

уьш тоххара дуьйна белахь а.

20 Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо,

къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.

21 Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо,

ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.

22 Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху,

Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.

23 Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до.

Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.

24 Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций,

уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.

25 Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш,

бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».

13

1 Аюба элира:

«И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду,

суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.

2 Шуна хууш дерг суна а хаьа.

Со а ма вац шул оьшуш.

3 Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна,

Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!

4 Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до,

шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду.

5 ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича,

иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.

6 ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга,

сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.

7 Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша?

Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?

8 Цуьнга озабезам бан лаьий шуна?

Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?

9 Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй?

Я Иза, адам санна, левийр ву аша?

10 Цо луьра таӀзар дийр ду шуна,

аша къайлаха озабезам лелабахь.

11 Цуьнан возалло шу кхера ца до те?

Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?

12 Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду.

Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.

13 ДӀа а совций, со вистхилийта,

тӀаккха кхунах луъург хилахьара.

14 Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара?

Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?

15 Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву+ 13:15 *Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву *– я иштта: *Цо со вийна дӀаваккхахь а, Цуьнга сатуьйсуш Ӏийр ву со.*.

Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.

16 Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча

Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.

17 Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга,

сан кхеторан дешнийн тидам бейша.

18 Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина.

Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.

19 Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг?

Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.

20 Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь,

тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:

21 суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа,

Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.

22 ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна,

я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.

23 Мел ду сан къа а, сан зулам а?

Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!

24 ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь,

хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?

25 ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь?

Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?

26 Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг,

жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.

27- 13:27 Аюб 33:11. Ахьа сан когашна буржалш тоьхна,

ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу,

ас юьту лараш тергалйо Ахьа.

28 Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а,

нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».

14

Аюба элира:

1 «Зудчо вина волчу стеган дахар

доца ду, иза баланех вуьзна а ву.

2 Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза.

ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш.

3 Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг!

Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?

4 Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй?

Вер вац.

5 Адаман дахаран денош дагардина ду.

Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш,

царал тӀехвала цуьнан йиш а яц.

6 Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза,

цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.

7 Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю:

схьахадийча а, иза денлур ду,

иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.

8 Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а,

цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,

9 цхьажимма цунна хи тосалушшехь,

керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо.

10 Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу.

ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу.

11 Ӏам чуьра хи къайладалар санна а,

хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а,

12 иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту.

Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац,

шен даларан набарх сама а доккхур дац.

13 Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо.

ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо.

Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина,

цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна.

14 Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг?

Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь

со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со.

15 Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара,

Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.

16 Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара,

амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара.

17 Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара,

айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара.

18 Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а,

тарх шен меттера меттахъялар санна а,

19 хино тӀулгаш жимдар санна а,

хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а,

йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.

20 Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха.

Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво.

21 Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа,

церан сий дайча а, цунна ца го.

22 Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо,

шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».

Къамелийн шолгӀа дакъа

(15:1–21:34)

Элипаз

15

1 Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана:

2 «Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те?

Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те?

3 Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те?

Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те?

4 Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо,

адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо.

5 Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага.

Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь.

6 Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю,

хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до.

7 Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна,

я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна?

8 Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь?

Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те?

9 Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш?

Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо?

10 Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу,

ткъа уьш хьан дел а баккхий бу.

11 Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш,

хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа?

12 Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах?

Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш?

13 Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа,

хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш?

14- 15:14-16 Аюб 25:4-6. Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта?

Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?

15 Дела Шен дезачу маликех а ца теша,

Цунна хьалха стигалш а цӀена яц.

16 Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду,

хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?

17 Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду.

Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду.

18 Хьекъалалла долчара дийцинчух а,

цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш,

дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.

19 Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта,

хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла,

цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду.

20 Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза.

Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду.

21 Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш.

Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета.

22 Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу,

даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду.

23 Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий+ 15:23 *Грекийн гочдар тӀехь: *Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Иза дӀасаоьхуш лела, шена кхача а лоьхуш.*,

цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла.

24 Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво,

тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна.

25 И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду,

Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду.

26 Курра дуьхьалволура иза Цунна,

ша ларвархьама деза турс а даьккхина,

27 иза шех тоам бина волу дела а,

дозаллина севсина волу дела а.

28 Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву,

адамаш чохь даха ца дезачу,

охьаэга кийча долчу цӀенош чохь.

29 Иза дукха ханна хьал долуш хир вац,

цуьнан бахам а буьсур бац,

лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац.

30 Иза боданах кӀелхьарвалалур вац.

ЦӀеран алуно патарш дакъош долу

дитт санна, хир ву иза,

ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву.

31 Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза,

цунах ша Ӏеха ма войла цо,

хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю.

32 Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла,

цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву.

33 Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза,

я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву.

34 Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа

кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду.

35 Шайн даг чохь вониг а кхуллу,

цара зулам дӀа а хӀоттадо.

Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху».

Аюб

16

1 Аюба цунна дуьхьал жоп делира:

2 «И саннарг суна дуккха а хезна,

шун догъэцаро вон бен ца дахьа.

3 Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе?

Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?

4 Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна,

шу сан метта хилча,

соьга а далур дара хаза къамелаш,

кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.

5 Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара,

сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.

6 Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу,

вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.

7 Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина.

Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.

8 Цо со схьа-ма-лаьцна,

ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду.

Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла,

сох бехкаш а дохуш.

9 Делан оьгӀазлоно со цоьсту,

Шен цергаш суна хьекха а еш,

Цо соьца мостагӀалла леладо.

Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.

10 Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна,

дов дарца сан беснеш тӀе етта цара,

уьш массо а суна дуьхьалбовлу.

11 Дала со вочу адамийн кара дӀавелла,

Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.

12 Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо.

Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо.

Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.

13 Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду,

Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту,

сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.

14 Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза.

ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.

15 Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна,

гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.

16 Велхарна сан юьхь цӀийелла,

сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.

17 Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а

ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.

18 Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла!

Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!

19- 16:19 Аюб 19:25. Делахь а, стигалахь сан Теш ву,

лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!

20 Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина,

Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.

21 Стеган дуьхьа цо Деле доьху,

адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.

22 Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду,

юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».

17

Аюба кхидӀа а элира:

1 «Сан дог доьхна лаьтта,

чекхдовлуш ду сан денош,

со кошан йистехь лаьтташ ву.

2 Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта,

сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу.

3 Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама!

Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?

4 Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна,

цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.

5 Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь,

оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду.

6 Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо,

юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со.

7 Сан бӀаьргаш балано талхийна,

сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду.

8 Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу,

бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу.

9 Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац,

ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.

10 Ткъа шу – кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила!

Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.

11 Сан денош чекхдевлла,

ас йина ойланаш йоьхна,

сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла.

12 Цу наха буьйсанах де ду олу,

суна хьалха бода лаьтташехь,

серло тӀекхочуш ю олу.

13 Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча,

цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,

14 бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича,

кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча,

15 тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла?

Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха?

16 Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне,

соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?»

Билдад

18

1 Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада:

2 «Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра?

Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел.

3 ХӀунда лору тхо бежанаш санна?

Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту?

4 Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа.

Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа,

я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа?

5- 18:5, 6 Аюб 21:17. Ӏесачун серло а кхулур ю,

цуьнан цӀеран алу а лепар яц.

6 Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу,

цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу.

7 Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду,

шен ойланаша иза вужуьйтур ву.

8 Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву,

бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву.

9 Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу,

кӀелоно иза схьахоьцуш а вац.

10 Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю,

цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду.

11 Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу,

иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.

12 Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу.

Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.

13 Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду,

къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю.

14 Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина,

къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.

15 Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву,

цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду.

16 Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду,

лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду.

17 Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю,

урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц.

18 Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву,

кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву.

19 Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан,

иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.

20 Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу,

малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу.

21 Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам,

Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду».

Аюба жоп ло

19

1 ТӀаккха Аюба жоп делира:

2 «Мел хьийзор ву аша со,

шайн дешнашца со хьоьшуш?

3 Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан,

шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.

4 Нагахь ас къа латийнехь а,

сан гӀалат соьца дуьсур ду.

5 Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тӀех а детташ,

суна хьалха шу лакхадовла гӀертахь,

6 хаалаш: со охьатаӀийнарг Дела ву шуна,

Шен гураш суна гонах дӀа а хӀиттийна.

7 Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш,

амма суна жоп луш цхьа а вац,

ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.

8 Суна хьалхара некъ Цо дӀалаьцна,

цундела со дӀа ца вахало,

сан некъаш тӀе Цо бода хӀоттийна.

9 Соьга хилла болу ларам Цо дӀабаьккхина,

сан коьртара таж а дӀадаьккхина.

10 Массо а агӀонгара тӀеетта Цо суна, со леш ву!

Сан сатуьйсийла дӀаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.

11 Иза суна дуьхьал оьгӀазаллех вуьзна ву,

Цо со Шен мостагӀа санна лору.

12 Цуьнан ардангаш суна тӀегӀерта,

шайна некъ а боккхуш,

цара сан четарна го бина.

13 Сан гергарнаш суна уллора Цо дӀабаьхна,

со вевзарш а сох къехка.

14 Сан тайпанах берш суна уллора дӀабевлла,

со вевзаш хиллачара со вицвина.

15 Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета,

царна гергахь со хийра стаг ву.

16 Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло,

цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.

17 Сан зуда сан Ӏаьнах къехка,

сан берашна а со боьха хета.

18 Божаберашна а со сийсаза хета,

со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.

19 Сан доттагӀашна а со боьха хета,

суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.

20 Сох, чкъор а, даьӀахкаш а бен, хӀумма а ца дисина,

валлал бен суна чохь са а дац.

21 Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох,

сан доттагӀий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!

22 ХӀунда лела шу суна тӀаьхьадевлла, Дела ма-леллара?

ХӀунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?

23 Сан дешнаш дӀаяздина делахьара!

Уьш тептар тӀехь дӀаяздина делахьара!

24 Аьчка къоламца дошана тӀехула я

массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!

25 Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а,

Иза тӀаьххьара а лаьтта тӀехь дӀахӀуттур вуйла а.

26 Цамгарша сан чкъор дӀакхаьллинехь а,

сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.

27 Суна сайна гур ву Иза.

Сан бӀаьргашна гур ву,

тӀаккха Иза суна хийра хир вац.

Со хьаьгна ву иза хилийта!

28 Аша иштта аьллехь: „Цунна тӀаьхьа муха довла деза вай,

баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,

29 кхералаш туьрах, хӀунда аьлча

дералло туьре бекхам бойту.

ТӀаккха хуур ду шуна кхел юйла».

Цупар

20

1 Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара:

2 «Сан ойланаша соьга жоп долуьйту,

цундела вистхила сихвелла со.

3 Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча,

сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.

4 Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа,

лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,

5 харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла,

Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?

6 Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а,

цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,

7 иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву,

ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ – бохуш, хоьттур ду.

8 ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза,

буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.

9 Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и,

ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.

10 Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу,

цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.

11 Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ

цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.

12 Вон цуьнан багахь мерза делахь а,

цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,

13 иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь,

стигална буьххьехь латтадо цо.

14 И санна кхача гай чохь муьста хир бу,

цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.

15 Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу,

Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.

16 Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду,

лаьхьанан матто иза вуьйр ву.

17 Цо зовкх хьоьгур дац татолех а,

мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.

18 Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо,

йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,

19 хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш,

ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.

20 Цуьнан сутаралла бух боцуш яра,

цуьнан лаамийн доза а дацара.

21 Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац,

цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.

22 Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду,

цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.

23 Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча,

Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе,

догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.

24 Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а,

цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.

25 И пха схьабаккха иза хӀоттахь,

цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь,

эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!

26 Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш.

Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза,

цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.

27 Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду,

латта а цунна дуьхьалдер ду.

28 Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду,

хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.

29 Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа,

иштта Делера кхел а хир ю цунна».

Аюб

21

1 Аюба цунна жоп делира:

2 «Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга,

цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.

3 Ас къамел дечу юкъана сатохалаш,

со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.

4 Со адамна арз деш ву? Вац!

Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.

5 Соьга схьа а хьовсий, инзардовла,

шайн бета тӀе куьг а дилла.

6 Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со,

сан дегӀ а дего долало.

7 Ӏесанаш дукха хӀунда беха,

къеналле а кхочуш,

хьолехь сов а бохуш?

8 Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу,

церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу.

9 Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта,

Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина.

10 Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу,

ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.

11 Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий,

церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу.

12 ЖиргӀанаш а етташ,

дечиг-пондарш а лоькхуш,

эшарш лоькху цара,

зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру.

13 Церан шераш беркатехь дӀаоьху,

тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу.

14 Цара Деле боху: „Дита тхо,

Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!

15 Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян?

ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“

16 Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац.

Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна!

17 Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх?

Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга?

Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста

Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе?

18 Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш,

я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те?

19 Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“.

Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта!

20 Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар,

цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла!

21 Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан,

цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?

22 Далла хьехамаш бойла дуй те,

Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча?

23 Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле,

цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш.

24 Цуьнан кийра махьарех буьзна бу,

цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю.

25 Ткъа важа шен дог доьхначохь ле,

цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.

26 Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу,

нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху.

27 Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза,

аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.

28 Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа?

Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“

29 Некъахошка хаттарш ца дина те аша?

Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?

30 Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу,

Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху.

31 Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду?

Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?

32 Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа,

цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо.

33 ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу.

Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу,

цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.

34 Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара?

Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»

Къамелийн кхоалгӀа дакъа

(22:1–27:23)

Элипаз

22

1 Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:

2- 22:2, 3 Аюб 35:6-8. «Далла хӀун пайда бу адамах?

Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?

3 ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх?

ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?

4 Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те

хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?

5 Бакъду, хьан вонаш дукха ду,

хьан къинош доза доцуш ду.

6 Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа,

царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.

7 ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа,

мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.

8 Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура,

цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.

9 Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура,

ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.

10 Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш,

цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.

11 Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана,

цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.

12 Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа?

Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!

13 Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла?

Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“

14 Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо,

Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.

15 Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а,

зуламхоша баьккхинчу а новкъа?

16 Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла,

ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.

17 Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора!

ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“

18 Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура.

Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!

19 Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш,

церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву,

цӀена верг царах воьлуш а хир ву:

20 „ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий,

ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.

21 Делаца тайна хилахьа а,

Цуьнца барт болуш вахахьа.

Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.

22 Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца,

Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.

23 Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву.

Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,

24 нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь,

Апаран деши – Ӏаннийн тӀулгашка,

25 тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву,

Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.

26 ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву,

хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.

27 Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду,

тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.

28 Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду,

хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.

29 Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“,

ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.

30 Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву,

цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».

Аюб

23

1 Аюба, жоп а луш, элира:

2 «Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш,

куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а.

3 Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а,

Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,

4 аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх,

сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.

5 Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна,

Цо сайга бохучух а кхетар вара со.

6 Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза?

Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара.

7 ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара,

ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра.

8 Со малхбузехьа дӀавоьду – цигахь Иза вац,

малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво.

9 Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета,

къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.

10 Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу.

Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.

11 Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со.

Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.

12 Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла,

Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.

13 Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта?

Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.

14 Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду,

ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина.

15 Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна,

айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со.

16 Дала кӀаддина сан дог,

Нуьцкъалчо со кхерийна.

17 Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а,

сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а».

24

Аюба кхидӀа а элира:

1 «ХӀунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал?

ХӀунда ца го и денош Иза вевзачарна?

2 Адамаша доза къастош диллина тӀулгаш дӀасадоху,

цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.

3 Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу,

йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.

4 Цара къен верг шайн некъа тӀера дӀатотту,

махкахь гӀело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.

5 Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш,

шайн болх кхочушбан арабовлу уьш.

Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.

6 Цара нехан кхаш тӀехь шайна докъар гулдо,

хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.

7 ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш,

шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.

8 Ламанан догӀанаша уьш башабо,

уьш тархех дӀахьерча,

дӀалечкъийла шайн ца хиларна.

9 Бобераш декхачуьра доху,

къечун аганара бер закъалтана доккху.

10 ТӀехь хӀума йоцуш лела къен нах.

Ялта чудерзош болчара санна цара

болх бахь а, уьш мацболуьйту.

11 РаьгӀнашна юкъахь, Ӏовдий, зайтдаьтта доккху цара,

кемсаш Ӏуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.

12 ГӀалахь леш болчеран узарш ду хезаш,

чевнаш йинарш а бу гӀо доьхуш,

амма Далла церан доӀанаш дӀа ца хеза.

13 Серлонна дуьхьал гӀевттинарш а бу,

царна ца девза Цуьнан некъаш,

уьш цу некъаш тӀехула а ца лела.

14 Сахуьллуш хьалагӀотту нах бойург,

къениг а, декъазаниг а цо воь,

ткъа буьйсанна хӀума лачкъайо.

15 Нахаца леларг бода тӀебаре хьоьжу,

цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“,

шен юьхь а цо туьтмӀаьжигаца дӀакъовлу.

16 Буьйсанна цӀийнан пенах Ӏуьрг доккху талорхоша,

ткъа дийнахь, дӀа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш.

Дийнан серло хӀун ю царна а ца хаьа.

17 Царна массарна а Ӏуьйре – Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю,

ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.

18 Амма, хина тӀехула хӀуттург санна, уьш сихха дӀабовду.

Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тӀехь неӀалт ду,

церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.

19 Йокъано дешаш долчу лайн хи дӀа-ма-худдара,

иштта эхарто дӀахуду къинош летийнарш.

20 Ненан кийрано а иза вицво,

цунах нӀаьнийн даар а хуьлу,

цхьанна а иза дага а ца вогӀу,

дитт санна, кагло къинош летийнарг.

21 Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гӀело йо,

йисина Ӏачунна а диканиг ца до цара.

22 Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дӀакхоьхьу.

Дела хьалагӀаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.

23 Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а,

Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.

24 Уьш кӀезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тӀаккха уьш бац.

Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу.

Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.

25 Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду?

Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»

Билдад

25

1 Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:

2 «Ӏедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза.

Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.

3 Чот юй те Цуьнан эскарийн?

Хьанна тӀе ца юссу Цуьнгара серло?

4 Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ?

Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?

5 Цуьнан бӀаьргашкахь бутт а сирла ца хилча,

Цунна хьалха седарчий а цӀена ца хилча,

6 кхин а кӀезиг ду адам – нӀаьвцицигах а,

нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».

Аюб

26

1 Жоп луш, Аюба элира:

2 «Стенна тӀехь гӀо дина ахьа гӀора дӀадаьллачунна?

Куьйгашкахь ницкъ боцучунна гӀо диний ахь?

3 ХӀун хьехар дина ахьа хьекъал доцучунна?

КӀорга хьекъалалла луш ницкъ бина ахьа хьайна!

4 Хьан гӀо дина хьуна и дешнаш ала?

Хьенан са дара хьан багахула къамел дийриг?

5 Хина а, цунна чохь бехачарна а бухахь

беллачийн синош дегош лаьтташ ду.

6 Эхарт Далла хьалха дерзина а ду,

талхаран меттиган кхалор а яц.

7 Цо яьссаллина тӀехь къилбаседехьара стигал дӀаяржийна,

цхьа а хӀума йоцучохь латта а хьалаоьллина.

8 Шен мархаш юкъахь хи схьагулдо Цо,

ткъа марха хи деза хиларх екъа а ца ло.

9 Цо беттасин юьхь дӀалачкъайо,

марха цунна тӀе а йохийтий.

10 Хи тӀехула сиз хьаькхна Цо,

серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош.

11 Цуьнан оьгӀазаллех инзардевлла,

стигалара бӀогӀамаш ду дегош.

12 Шен ницкъаца хӀорд дӀатебира Цо,

хӀордан саьрмик болу РахӀаб Цо

Шен хьекъалаллица хьаьшира.

13 Цо схьадеттачу хӀоно стигал серлаяьккхира,

Цуьнан куьг шершаш боьдучу лаьхьанах чекхбелира.

14 ХӀара дерриг а Цуьнан гӀуллакхийн кӀеззиг долу дакъа бен дац.

Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза!

Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?»

Аюб

27

1 Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира:

2 «Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а,

сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,

3 суна чохь садеӀар дӀадаллалц,

сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,

4 сан багара харцдерг арадер ма дац,

сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!

5 ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац,

со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.

6 Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац –

цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.

7 Сан мостагӀа харцонча санна лорийла,

суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.

8 Стенах сатийса деза Ӏесачо,

Дала ша дӀатеттича,

Цо шен са дӀаэцча?

9 Далла хезар дуй те цуьнан тийжар,

цунна бохам тӀебеача?

10 Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух,

кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?

11 Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна,

Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.

12 Шуна шайна а ма гина дерриг а.

Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?

13 ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг,

хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг+ 27:13-23 *Цхьадолчу гочдаршка хьаьжжина, 13-чу аята тӀера 23-чу аята тӀекхаччалц Цупаран къамел ду.*.

14 Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу,

цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.

15 Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу,

царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.

16 Ченал дукха дети шена гулдахь а,

поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,

17 уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду,

цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.

18 Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна

я хехочун бун санна, до.

19 ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза,

амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу.

Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.

20 Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор.

Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.

21 Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча,

иза кхин хир вац. Шен метта тӀера

оцу мохо дӀахьокхур ву иза.

22 Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху,

цуьнан караравала гӀертачу хенахь.

23 Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта,

иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».

28

Хьекъалаллех лаьцна йолу байт

1 Иштта, дети доккху меттиг а ю,

деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю.

2 Эчиг лаьтта бухара схьадоккху,

ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.

3 Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху.

Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза.

КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза.

4 Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху,

нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш,

адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь.

Адамашна генахь а волуш,

гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза.

5 Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта,

кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.

6 Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду,

ткъа царна тӀехь дешин чан ю.

7 Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза,

и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина.

8 Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна,

иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.

9 Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху,

цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху.

10 Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху,

лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха.

11 Цара хиш арадовлу кортош а лоьху+ 28:11 *Цара хиш арадовлу кортош а лоьху *– я иштта: *Цара лаьтта бухара хиш сеца а до.*,

къайлаха долу хӀума гучу а доккху.

12 Амма мичара доккху те хьекъалалла?

Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?

13 Адамна цуьнан мах а ца бевза,

дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац.

14 КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац».

ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац».

15 ЦӀеначу деших а иза лур дац,

дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.

16 Апаран дешица а иза дусталур дац,

я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.

17 Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац,

я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.

18 Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу,

хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду.

19 Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз,

цӀеначу деших иза эцалур дац.

20 Мичара долу те хьекъалалла?

Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?

21 Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду,

иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.

22 Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху:

«Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».

23 Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ,

Цунна хаьа иза долу меттиг а,

24 хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду,

стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.

25 Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь,

хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,

26 иштта догӀанна бакъо лучу хенахь,

ткъесана тача лучу хенахь,

27 эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина,

цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо.

28- 28:28 Забур 110:10; Кицанаш 1:7; 9:10. ТӀаккха аьлла Цо адаме:

«Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду,

ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду».

29

Аюбан тӀаьххьара къамел

1 Аюб кхин а къамел дан волавелира:

2 «Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла,

Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,

3 Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш,

ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!

4 Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь,

Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.

5 Нуьцкъала Дела соьца вара,

сан бераш а дара суна уллохь.

6 Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь,

ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.

7 ГӀалин ков долчу ара а ваьлла,

со майданахь сайн метте охьахиъча,

8 кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура,

ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.

9 Баьччанаш, бист а ца хуьлуш,

шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.

10 Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура,

церан меттанаш стигалх дӀалетара.

11 Со хезаш мел верг со хестош хуьлура,

ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,

12 хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура,

гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.

13 Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора,

бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.

14 Бакъахьа лелар – сан духар санна дара,

ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра.

15 Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара,

ткъа астагӀчунна когийн метта вара.

16 Мискачарна со ден метта вара,

хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.

17 Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора,

церан багара ижу а ас схьайоккхура.

18 Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву,

сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,

19 сан орамаш хи тӀе кхочу,

сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,

20 сан сий а дац тишлуш,

сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.

21 Адамаша собарца ладугӀура соьга,

дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.

22 Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара,

сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.

23 ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга,

бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна,

шайн баганаш хьала а гӀиттайора.

24 Уьш ца тешара, со шайна велавелча,

сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.

25 Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара.

Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь.

Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».

30

Аюба кхидӀа а элира:

1 «ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу.

Церан дай ас сайн жа лардеш долчу

жӀаьлешна улло а буьтур бацара.

2 Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах,

оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча?

3 Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла,

буьйсанна яьссачу аренгахь

декъа орамаш доура цара.

4 Коьллашна юкъара сорам боккхура цара,

ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.

5 Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш,

къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура.

6 Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду,

лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.

7 Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш,

нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора.

8 ЦӀе йоцу, пайда боцу,

махкара лаьллина лелош йолу арданг!

9 Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху,

сох лаьцна цара масалш а даладо.

10 Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка,

со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.

11 Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина,

Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина.

Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.

12 Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг,

сан когаш тӀера со бертал ветта цара,

со верхьама шайна некъ а боккхуш.

13 Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна,

со дакъазаваккхарна аьтто бо цара,

цхьа а шайна гӀо деш воцуш.

14 Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна.

Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш.

15 Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе,

сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо,

со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов.

16 Сан са дӀадолуш доллу,

баланийн денош тӀекхаьчна суна.

17 Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу,

сан лазар а дац цкъа а соцуш.

18 Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш,

Дала сан барзакъан кач дӀалоцу.

19 Цо со хоттана юккъе кхуссу,

хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву.

20 Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло,

со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.

21 Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца,

Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.

22 Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа,

чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа.

23 Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла,

дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.

24 Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу,

орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча?

25 Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со?

Къечунах къинхетам ца бора те ас?

26 Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга,

ас серлоне сатесча, бода тӀебеа.

27 Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу,

баланийн денош ду суна тӀедаьхкина.

28 Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац.

Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху.

29 Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а,

страусийн доттагӀа а хилла.

30 Ӏаржделла сан чкъор охьадужу,

дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна.

31 Сан мерз-пондар а бу боьлхуш,

тийжаш ю сан зурма а».

31

Аюба кхидӀа а элира:

1 «Сайн бӀаьргашца бина барт бу сан,

уьш зудабере хьарамлонца дӀахьожур бац аьлла.

2 Иштта хилча, хӀун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг?

ХӀун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо?

3 Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар,

харцонаш лелочарна лерина бац те бохам?

4 Далла ца го те сан некъаш,

массо а сан гӀулч Цо ягар ца йо те?

5 Ас чӀагӀо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла,

мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла.

6 Дала со бакъдолчу терзан тӀехь узийла,

тӀаккха хуур дара Цунна, со цӀена вуйла.

7 Со нийсачу некъа тӀера галваьллехь,

сан бӀаьргаша сан дог вонна тӀе дерзийнехь,

сан куьйгаш хьарамчу хӀумано бехдинехь, –

8 ас дӀадийнарг кхечо доийла,

сан зӀийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла.

9 Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла,

сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь,

10 сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла,

цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла,

11 хӀунда аьлча иза хьарамло хир яра,

цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара.

12 Иза массо а хӀаллакдеш йолу цӀе хир яра.

Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.

13 Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь,

церан сайца къовсам баьлча,

14 ас хӀун дийр дара, Дела суна хьалха дӀахӀоьттича?

Цо сайга хаттар дича, ас хӀун эр дара Цуьнга?

15 Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те?

Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те?

16 Ас чӀагӀо йо, къечун дехар ас дӀа ца теттина аьлла,

йисина Ӏачу зудчун бӀаьргаш ас ца кхолийтина аьлла.

17 Ас чӀагӀо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла,

цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш.

18 Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла,

бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гӀо дина ас.

19 ТӀедуха хӀума цахиларна стага бала хьегар а,

къечу стагана тӀетаса хӀума цахилар а сайна гича,

20 ас царна тӀедуха хӀума лора,

сан уьстагӀийн тӀергӀано уьш бох а бора,

ткъа цара даггара баркаллаш а олура.

21 Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь,

гӀалин кевнехь болчу кхелахошкара

сайна гӀо хир дуйла а хууш,

22 сан куьг белша тӀера охьадужийла,

пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг.

23 ХӀунда аьлча Дала сайна бохам барх со чӀогӀа кхоьруш вара.

Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара.

24 Нагахь санна со деших тешнехь,

я цӀеначу дешига ас аьллехь:

„Хьо сан чӀагӀо ю“,

25 нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь,

сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,

26 нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а,

беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш,

27 сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла,

уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,

28 иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара,

лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.

29 Сайн мостагӀа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со,

я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла?

30 МостагӀчунна Ӏожаллин неӀалт кхайкхош,

сайн баге къа ца летадайтира ас.

31 Сан хӀусамна чохь болчара эр ма ду:

„Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“

32 Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина:

сан цӀийнан неӀарш цунна массо а хенахь дӀайиллина хилла.

33 Ас чӀагӀо йо, сайн къинош сайн четахь дӀа ца хьулдина аьлла,

кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла,

хӀунда аьлча адамийн тобанех со дӀакъехкар вара,

вист а ца хуьлуш, сайн хӀусама чохь сеццал,

тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара.

35 Соьга стаг ладугӀуш велахьара!

Айса мел аьлларг чӀагӀдо ас.

Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара!

Нагахь санна со бехкевеш волчо

сан стенна тӀехь бехк бу яздинехьара,

36 и йоза ас сайн белшаш тӀехь лелор дара,

таж санна, иза сайн коьрта тӀе дуьллур дара.

37 ТӀаккха айса мел баьккхина ког дӀабуьйцур бара аса,

элана санна, Цунна улло гӀур вара со.

38 Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь,

оханна тӀера хершнаш доьлхуш делахь,

39 ас царна тӀера ялта мах боцуш диънехь,

я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь,

40 кха тӀехь кӀен метта коканаш долийла,

ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла».

Цу тӀехь чекхделира Аюбан къамел.

32

ЭлихӀус дина къамелаш

(32:1–37:24)

1 ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара. 2 Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш. 3 Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. 4 ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара. 5 Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.

ЭлихӀу

6 Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира:

«Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду.

Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.

7 Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас,

воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.

8 Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду,

Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.

9 Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург,

къоначарна а го нийсонца дерг.

10 Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга,

со а сайна хууш дерг ала воллу“.

11 Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка,

леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка,

шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.

12 Дикка хьоьжуш вара со шуьга,

амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира,

цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.

13 Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“.

Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.

14 Аюб соьга луьйш вацара,

цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.

15 Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш.

Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.

16 Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац,

кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.

17 Цундела ас сайгара жоп лур ду,

сайна хууш дерг а эр ду,

18 хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со,

ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.

19 Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу,

иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.

20 Соьга алийта, суна атта хилийтархьама.

Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.

21 Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац,

цхьана а адамна хьеста а лур вац со.

22 Суна хьеставала ца хаьа,

амма иза иштта ца хилча,

со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».

33

ЭлихӀус кхидӀа а элира:

1 «Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа,

массо а ас олучу дешан тидам а бе.

2 ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу,

сан дешнаш меттан юьххьехь ду.

3 ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу,

суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.

4 Со Делан Сино кхоьллина,

Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.

5 Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна,

соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.

6 Далла хьалха со а хьо верриг ву,

со-со а ву поппарх вина.

7 Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во,

хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.

8 Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг,

хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:

9 „Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш,

со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.

10 Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо,

со Шен мостагӀа а лору Цо.

11- 33:11 Аюб 13:27. Цо сан когашна буржалш тоьхна,

ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.

12 Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб,

хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.

13 ХӀунда къийсало хьо Цуьнца,

адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?

14 Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а,

Цо бохург ца тусало стагана.

15- 33:15 Аюб 4:13. Цо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь,

кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь

я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.

16 ТӀаккха церан лерг сама а доккхий,

дикка гучу тайпана царна лерина

долу Шен дӀахьедар до Цо,

17 стага дан леринарг цуьнга ца дайта а,

цуьнан куралла дӀаяккха а,

18 иштта иза эхартана гена ваккхархьама а,

цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.

19 Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза,

цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.

20 ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу,

уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.

21 Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу,

хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.

22 Цуьнан са эхарте кхочуш ду,

ткъа цуьнан дахар – Ӏожалла

тӀеяхьаш болчу геланчашка.

23 Амма нийса муха лела деза гайтархьама,

адамна юкъалелаш долу малик делахь,

вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,

24 оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле:

„Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза,

цунах такха дезарг суна карийна“.

25 ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду,

иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.

26 Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву.

Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу.

Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.

27 Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг:

„Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш,

амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.

28 Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо,

хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.

29 И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду,

кхин шозза, кхузза дукхах а деш,

30 цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а,

цунна дахаран серло лепийтархьама а.

31 Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга.

ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.

32 Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала.

Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.

33 Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе,

ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».

34

1 ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира:

2 «ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга,

шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,

3 хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо,

матто юучу хӀуманан чам къастош санна.

4 Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай,

вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.

5 Аюба элира: „Со нийса ву,

амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.

6 Со нийса велахь а,

харц лоруш ву со.

Сан бехк боццушехь,

суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.

7 Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг?

Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,

8 иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела,

цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.

9 ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац,

Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“

10 Кхетам берш, ладогӀа соьга!

Дала харцдерг лело йиш яц,

Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.

11- 34:11 Забур 61:13. Цо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург,

хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.

12 Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до,

Ницкъболчо харцкхел а ца йо.

13 Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан?

Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?

14 Нагахь Цо Шен дог даийтича,

Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,

15 эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам,

хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.

16 Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь,

со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.

17 Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй?

Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?

18 Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“,

Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Ӏесанаш ду“.

19 Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо,

ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо,

хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.

20 ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле.

Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха.

ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.

21 Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду,

Цунна адамо мел боккху ког а го.

22 Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг,

харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.

23 Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу,

иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.

24 Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший,

церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,

25 хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш.

Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.

26 Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала,

массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,

27 Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а,

Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.

28 Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду,

ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.

29 Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу?

Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву?

Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,

30 диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна,

нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.

31 Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву,

хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.

32 Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа?

Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.

33 Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь

таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна?

Хьо ву сацам бан безарг, со вац.

Ала хӀинца хьайна хууш дерг.

34 Кхетам болчара соьга эр ду,

со хезна волчу хьекъалчо эр ду:

35 „Хьекъале къамел дац Аюба дийриг,

маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.

36 Зуламхоша санна, жоьпаш даларна,

Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!

37 Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху.

Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ,

Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».

35

1 ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел:

2 «„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, – аьлла,

дийцар нийса хетий хьуна?

3 Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу?

Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“

4 Суна луур дара хьуна а,

хьан доттагӀашна а жоп дала.

5 Стигала хьалахьажа, гуш хила!

Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!

6- 35:6-8 Аюб 22:2, 3. Ахьа къа латийча, Далла хӀун ду?

Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза?

7 Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа?

ХӀун кхочу Цунна хьан карара?

8 Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало,

ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.

9 Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху,

ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш.

10 Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела,

буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,

11 лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг,

стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“

12 Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна,

вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.

13 Эрна ду иза – Дала оцуьнга ла ца дугӀу,

Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.

14 Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга,

Иза хьайна ца го ахь баьхча,

хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду,

Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.

15 Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош

летош берш таӀзар ца деш буьту,

церан къинош Шена ца гуш санна.

16 Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду.

Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».

36

1 ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира:

2 «Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна,

Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.

3 Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю,

со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.

4 Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу.

Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.

5 Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо.

Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.

6 Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту,

гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.

7 Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо,

ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту,

лекхачу даржехь иза хилийтархьама.

8 Нагахь уьш, буржалш а тоьхна,

Ӏазапехь латтош белахь,

9 Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а,

дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.

10 ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала,

иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.

11 Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь,

цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду,

шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.

12 Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь,

уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу,

кхетам боцурш санна лийр а бу.

13 Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо,

цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.

14 Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду,

цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.

15 Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо,

цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.

16 Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера

цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга,

хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.

17 Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо,

цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.

18 Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь!

Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!

19 Хьайн хьал доккха хиларна

я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна,

баланех кӀелхьарвер ву те хьо?

20 Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш

йолчу буьйсане са ма тийса.

21 Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь,

хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна

гӀело хьоьгуш ма ву хьо.

22 Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ!

Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?

23 Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг?

Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?

24 Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан

гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.

25 Уьш массо а адамашна гина ду,

амма стагана геннара бен уьш гина дац.

26 Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац.

Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.

27 Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо,

ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.

28 Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо,

шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.

29 Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала,

иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.

30 Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху,

ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.

31 Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо,

царна шортта кхача а ло Цо.

32 Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг,

цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.

33 Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх,

ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».

37

ЭлихӀус кхидӀа а элира:

1 «Цу бахьанина сан дог дегош ду,

меттах а даьлла, сан дог деттало.

2 ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе,

ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.

3 Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту

Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.

4 ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо.

Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо.

Шен аз хезаш долчу хенахь

стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.

5 Тамашийна схьахезаш ду Делан аз,

вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.

6 Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“,

догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“

7 ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо,

массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.

8 Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий,

шайн баннаш чохь совцу.

9 Къилбехьара йилбазмох хьоькху,

къилбаседехьара шело кхочу.

10 Шен садеӀарца Дала ша бойту,

тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.

11 ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу,

цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.

12 Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю,

дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.

13 Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду,

я лаьттана таӀзар дархьама,

я нахана Шен безам гайтархьама.

14 Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб.

ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.

15 Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до,

Цо ткъес муха къогуьйту?

16 Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало?

Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.

17 Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту,

къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.

18 Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо,

заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна,

иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?

19 Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг.

Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза,

тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.

20 Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те?

Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?

21 Леррина малхе хьажа йиш яц,

стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина,

иза стигалахь сов къегаш хилча.

22 Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу,

Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.

23 Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан.

Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина,

Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю.

Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.

24 Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу,

амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».

38

Везачу Эло Аюбана жоп далар

1 ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.

Веза Эла

2 «Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу

дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?

3 ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара:

Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.

4 Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош?

Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.

5 Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза!

Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?

6 Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух,

хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,

7 дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь,

стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?

8- 38:8-11 Ярми-ЯхӀу 5:22. Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь

хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?

9 Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира,

буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.

10 Ас иштта хӀордана доза а къастийра,

цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.

11 Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо,

амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.

12 Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний,

я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?

13 Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций,

цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?

14 Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало,

лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.

15 Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу,

иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.

16 Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка?

Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?

17 Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна?

Эхартан кевнаш гиний хьуна?

18 Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна?

Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.

19 Серло ехачу метте муха кхочур ву,

мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?

20 Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга?

Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?

21 Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча

хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа?

Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?

22 Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо,

гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,

23 Ас халачу заманна лерина латтош йолу,

мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.

24 Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге

я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?

25 Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш,

иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,

26 цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а,

адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,

27 эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а,

бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?

28 Вуй ткъа догӀанан да?

Хьан деш ду тхин тӀадамаш?

29 Хьенан кийрара араболуш бу ша,

ткъа стигалара йис хьан йо?

30 Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой,

дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.

31- 38:31 Аюб 9:9; Ӏамос 5:8. ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй?

Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?

32 Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам,

иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?

33 Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю?

Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?

34 Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга,

цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?

35 Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй,

эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?

36 Мархашна хьекъалалла хьан делла,

дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?

37 Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а,

уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,

38 цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла,

цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?

39 Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа,

мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,

40 уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь

я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?

41 Хьан кечйо хьаргӀанна юург,

цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш,

юург ца карош лелачу хенахь?»

39

Везачу Эло кхидӀа а элира:

1 «Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан,

сено кӀорнеш еш гиний хьуна?

2 Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо?

Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?

3 Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа,

иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху.

4 Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий,

тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху.

5 ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир,

цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина?

6 Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина,

дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина.

7 Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах,

цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.

8 Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо,

баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза.

9 Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана,

буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?

10 Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту,

хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь?

11 Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо?

ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо?

12 Цуьнга ялта схьа а гулдайтина,

хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?

13 Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало,

амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац.

14 Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту,

уьш гӀамар тӀехь дохдалийта.

15 Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а,

я акхароша уьш дохорг хилар а.

16 Страус къиза ду шен кӀорнешца,

цунна уьш хийра долуш санна хета,

шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.

17 Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина,

иштта цунна кхетам а ца белла.

18 Амма ша дада дагахь хьалаайделча,

иза беречух а, говрах а доьлу.

19 Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ?

Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?

20 Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те,

ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш?

21 Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу.

Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду.

22 Иза кхерамах йоьлуш хуьлу,

цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу,

ткъа туьрах иза дӀа ца къехка.

23 Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш,

къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,

24 шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта,

ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.

25 Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса,

геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а,

тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.

26 Хьан хьекъалаллица лела те куьйра,

шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?

27 Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала,

лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?

28 Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху,

ирачу тархех цо шен гӀап а йо.

29 Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама.

Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а.

30- 39:30 Маттай 24:28; Лака 17:37. Цуьнан кӀорнеша цӀий молу,

байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».

31 ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе:

32 «Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те?

Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»

Аюб

33 Юха Аюба Везачу Элана жоп делира:

34 «Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со?

Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.

35 Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а,

сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац».

Веза Эла

40

1 Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира:

2 «Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка:

Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло.

3 Хьо Сан кхел яр харцдан воллу,

хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш?

4 Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг,

Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй?

5 ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло,

иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха.

6 Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца,

курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве.

7 Массо а курачаьрга дӀа а хьажий,

уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе,

шаьш мел лаьттачу меттигашкахь

Ӏеса нах дӀа а хьаша.

8 Уьш лаьттах а бохкий,

боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига.

9 ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду

хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар.

10 ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса.

И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду.

Цо буц йоу, стеро санна.

11 Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза!

Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду!

12 Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду,

ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду.

13 Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю,

цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду.

14 Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю.

Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц.

15 Цунна лаьмнаша ло кхача,

циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой.

16 Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза,

уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа.

17 Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо,

хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо.

18 Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка.

Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю.

19 Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина,

цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара?

20- 40:20 Забур 73:14; 103:26; ЕшаӀ-ЯхӀу 27:1. МӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга,

муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий?

21 Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга,

я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий?

22 Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те?

Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те?

23 Гуттаренна а хьан лай хила,

цо хьоьца барт бийр буй те?

24 Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо?

Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь?

25 ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза?

Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза?

26 Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий

я цуьнан коьртах чаьнчакх+ 40:26 *Чаьнчакх *– иза даккхий чӀерий лоьцуш, царна тухуш болу ира цхьамза бу.* чекхъяккхалур ярий?

27 Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь,

и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу».

41

Везачу Эло кхидӀа а элира:

1 «Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу!

Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.

2 Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац.

ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву?

3 Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара?

Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.

4 Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со,

иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а,

схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.

5 Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю?

Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю?

6 Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага?

Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво.

7 Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду,

готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу.

8 Уьш юх-юххехь духкуш ду,

царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац.

9 Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду,

дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна.

10 Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета,

цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа.

11 Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю,

суйнаш дӀаса а детташ.

12 Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу,

кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара.

13 Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу,

ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю.

14 Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу,

и къемате хиларо стаг Ӏадаво.

15 Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду.

Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.

16 ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду,

иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду.

17 Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо,

дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.

18 Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац,

гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.

19 Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту,

цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.

20 Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду,

ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду.

21 Шена чхьонкар кхетча, чамхалг

Ӏоттаелча санна хета цунна,

ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.

22 Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду,

сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.

23 Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту,

хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо.

24 Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту,

хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.

25 Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац,

цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа.

26 Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка,

массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду».

Аюб

42

1 Аюба иштта жоп делира Везачу Элана:

2 «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а,

Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а.

3- 42:3 Аюб 38:2. Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Ӏалашонаш

хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“

Бакъду, со ца кхеташ долчу хӀуманех лаьцна,

сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас.

4- 42:4 Аюб 38:3. Ахь элира: „Соьга ладогӀа, Со вистхир ву.

Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло“.

5 Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера,

ткъа хӀинца сайн бӀаьргашца гина Хьо суна.

6 ХӀинца со айса аьллачунна дохковаьлла,

цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Ӏаш ву».

Чаккхе

7 Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагӀчунна а чӀогӀа оьгӀазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела. 8 Цундела, ворхӀ сту а, ворхӀ уьстагӀ а схьа а эций, Аюб волчу гӀо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тӀера дагоран сагӀа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тӀера доӀа дийр ду, хӀунда аьлча цуьнгара долу доӀа бен Ас тӀеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догӀучу тайпана таӀзар дийр дац Аса».

9 ТӀаккха теманхо волчу Элипаза а, шуахьахо волчу Билдада а, иштта наӀматхо волчу Цупара а, бахана, Везачу Эло шайга аьлларг дира. Везачу Эло Аюбан доӀа тӀеийцира.

10- 42:10 Аюб 1:1-3. Шен доттагӀашна тӀера Аюба доӀа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло. 11 Аюб волчу схьагулбелира берриг а цуьнан вежарий а, йижарий а, берриг а цуьнан хьалха хилла болу доттагӀий а. Иза волчохь тойнехь Ӏийра уьш, цунах къинхетамаш беш, цуьнан дог а хьостуш, Везачу Эло цунна тӀе мел еана хилла халонаш бахьана долуш. Цара хӀораммо а цунна цхьацца цуьрг дети а, дашо хӀоз а белира.

12 Везачу Эло цуьнан дӀаяьллачу заманал а чӀогӀа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХӀинца цуьнан бейтта эзар уьстагӀ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра. 13 Цуьнан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а яра. 14 Хьалхарчу йоӀан цӀе Ямимат+ 42:14 *Ямимат *– иза «кхокха» бохург ду.* тиллира цо, шолгӀачун цӀе КъациӀат+ 42:14 *КъациӀат *– иза «духӀи» бохург ду.* тиллира, ткъа кхозлагӀчун цӀе Къарин-ХӀапух+ 42:14 *Къарин-ХӀапух *– иза «хаздаран гӀутакх» бохург ду.* тиллира. 15 Дерриг а лаьтта тӀехь бацара Аюбан зудаберел хаза зударий. Аюба, шен бахамах дакъош а дина, кӀенташна санна, зудаберашна а дӀасадийкъира уьш.

16 Цул тӀаьхьа кхин а бӀе шовзткъа шарахь вехира Аюб, цунна шен берийн бераш а, берийн берийн бераш а гира, доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц. 17 ТӀаккха Аюб, къан а велла, шен оьмар дуккха а денойх а юьзна, велира.