Ӏийсас беана,

Яхьъяс

дӀаязбина болу хаза кхаъ

Дешхьалхе

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбинчу хазачу кхоан тӀехь «адам а хилла, вайна юкъахь Ӏийна волу» Ӏийса, Делан хедар доцу Дош дуйла, гойту яздархочо. Тептара тӀехь ма-дийццара, хӀара хаза кхаъ дӀаязбинера, Ӏийса вогӀур ву аьлла КӀелхьардахархо а, Делан КӀант а хилар дешархой тешийтархьама а, иштта, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шайн бакъдолу дахар хилийтархьама а (20:31).

Ӏийса а, хедар доцу Делан Дош а цхьаъ хилар гойтуш долу тептаран дӀадолор (1 корта) чекхдаьлча, Хазачу Кхоан хьалхарчу декъехь (2–12 кортош) тайп-тайпанчу тамашийначу хӀуманашкахула Ӏийса КӀелхьардахархо а, Делан КӀант а хиларх лаьцна дуьйцу. Цул тӀаьхьа, цхьадолчу къамелашкахь, тамашийначу билгалонашкахула гойтуш дерг кхетош ду. Цхьаберш, Ӏийсах а тешна, Цуьнан мурдаш хиларх а, ткъа вуьш, Цунна дуьхьал а бевлла, Цунах цатешарх а лаьцна ду тептаран и дакъа. Тептаран 13–17 кортош тӀехь Ша лоцучу буьйсанна Шен мурдашца Ӏийса кӀорга юкъаметтиг хиларх а, Ша жӀарах дӀатохале, Цо уьш кечбеш а, иракарахӀиттош а къамел дарх а лаьцна дуьйцу. Дерзош долчу тептаран кортош тӀехь Ӏийса лацарх а, Цунна кхел ярх а, Иза жӀарах дӀатохарх а, юха Иза денваларх а, Шен мурдашна хьалха Иза хӀоттарх а яздина ду.

Боьха лелаш схьалаьцначу зудчух долу дийцар (8:1-11) къовларш юкъа лаьцна ду, хӀунда аьлча хьалха хиллачу тептаршна а, гочдаршна а тӀехь цунах лаьцна хӀумма а дац, ткъа цхьадолчу тептарша и дийцар кхечу меттехь даладо.

Яхьъяс боху, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула долу хедар доцучу дахаран совгӀат, хӀинца схьа а деана, Ӏийса – Иза некъ а, бакъдерг а, дахар а хиларх тешначаьрга кхочур ду. Яхьъян тептаран цхьа тамашийна билгало ю, денна хуьлуш а, лаьтташ а долу хӀуманаш: хи а, бепиг а, серло а, Ӏу а, цуьнан уьстагӀий а, кемсан таьлланг а, цуьнан стом а лаккхарчу синан мехаллица гайтар.

1

Дашах адам хилира

1 Юьхьанца Дош дара.

И Дош Делехь дара.

И Дош Дела дара.

2 И Дош юьхьанца Делехь дара.

3 Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина,

И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.

4 Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара,

и дахар адамашна серло а яра.

5 И серло боданехь къега.

Бодано и серло эша а ца йина.

6- 1:6 Маттай 3:1; Марк 1:4; Лака 3:1, 2. Дала цхьа стаг ваийтира,

цуьнан цӀе Яхьъя яра.

7 Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера,

цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.

8 Яхьъя ша Серло яцара,

ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.

9 И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра,

Цо муьлхха а адам серла а доккху+ 1:9 *Я иштта: *И бакъйолу серло яра, муьлхха а дуьнен чу догӀу адам серла а доккхуш.*.

10 Дуьненна юкъахь а дара и Дош,

Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера,

амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.

11 Шен махка веара Иза,

ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.

12 Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна

Делан бераш хила бакъо елира Цо.

13 Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а,

я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.

14 Дашах адам а хилира,

Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара.

ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур.

Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.

15 Яхьъяс+ 1:15 *Яхьъя *– нах хих чекхбахийта Дала ваийтина Яхьъя ву иза. Делера болу хаза кхаъ дӀаязбинарг изза цӀе йолу кхин стаг ву.*, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».

16 Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. 17 ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду. 18 Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта+ 1:18 *Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцчу КӀанта *– кхечу тептарш тӀехь: *Ткъа Дела верриг а волу, Цуьнгахьа а волу, Цуьнан цхьаъ бен воцчу КӀанта.* беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.

Яхьъя-пайхамаро Ӏийсах лаьцна тоьшалла дар

(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Лака 3:1-18)

19 Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла.

20 Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац».

21- 1:21 а: Малъаки 4:5; б: Карлабаьккхинарг 18:15, 18. Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?»

«И вац со».

«Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?»

«Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс.

22 ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?»

23- 1:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца:

«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со:

„Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».

24 Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара. 25 ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»

26 Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27 Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».

28 И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь.

Делан Ӏахар

29 ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу. 30 ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“. 31 Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш».

32 Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тӀехь дисира. 33 Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. 34 И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КӀант хиларх».

Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш

35 И хиллачу шолгӀачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. 36 ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».

37 Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттира. 38 Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тӀаьхьавогӀу а гина, Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хӀун оьшу?»

Цара элира: « Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Ӏаш ву?»

39 Ӏийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дӀа а дуьйлий, хьовса».

Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Ӏийсаца даьккхира цара. ДоьалгӀа сахьт+ 1:39 *ДоьалгӀа сахьт *– Грекийн маттахь: *уьтталгӀа сахьт. *Цу заман чохь хан ялх сахьт даьллачу хенахь дуьйна лорура.* доладеллера цу хенахь. 40 Яхьъян дешнаш а хезна, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттинчу шиннах цхьаъ Ӏандар вара. Иза вара ШамӀа-Кипин ваша. 41 Ӏандара, цу сохьта шен ваша ШамӀа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.)

42 Ӏандара шен ваша ШамӀа Ӏийсана тӀевалийра. Ӏийсас, ШамӀе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кӀант ШамӀа ву-кх. Хьох хӀинца „Кипа“ эр ду». (Иза « тарх» бохург ду.)

Пилапах а, НатунаӀилах а Ӏийсан мурдаш хуьлу

43 ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта».

44 Пилап а вара Ӏандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гӀалара. 45 НатунаӀил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тӀехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тӀехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кӀант Ӏийса, Ша Назарт-гӀалара схьаваьлла волу».

46 Ткъа НатунаӀила элира: «Назартера цхьа а дика хӀума дала а даьллий те?»

Пилапа жоп делира: «ГӀой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла.

47- 1:47 Доладалар 32:28. Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо».

48 НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?»

Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара».

49 НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь».

50 Ӏийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кӀел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тӀех гӀуллакхаш а гур ду хьуна». 51- 1:51 Доладалар 28:12. Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».

2

Кхана-юьртахьа зуда ялийна меттиг

1 ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь. 2 Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. 3 ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».

4 Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».

5 ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».

6 Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи. 7 Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира. 8 ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира. 9 Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира. 10 Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»

11 Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш. 12- 2:12 Маттай 4:13. Цул тӀаьхьа Ӏийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь.

Делан цӀийнан керт цӀанъяр

13- 2:13 Арадаккхар 12:1-27. « Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара. 14 Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш. 15 ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. 16 Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»

17- 2:17 Забур 68:10. ТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».

18 Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»

19- 2:19 Маттай 26:61; 27:40; Марк 14:58; 15:29. Ӏийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», – аьлла.

20 ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»

21 Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара. 22 Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.

Ӏийсана массо а адам девза

23 Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. 24 Амма Ӏийсас Ша цхьанна а кӀорггера ца вовзуьйтура, хӀунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. 25 Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.

3

Ӏийса а, Нукха-Деми а

1 Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза. 2 Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: « Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».

3 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».

4 Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»

5 Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. 6 Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. 7 Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, – аьлла. 8 Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а».

9 «Ткъа иза муха хилало?» – хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага.

10 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна? 11 Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу. 12 Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу? 13 Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. 14- 3:14 Лелар 21:9. Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш, 15 Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».

16 ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. 17 Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера. 18 Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна. 19 Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. 20 ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама. 21 Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама.

Ӏийса а, Яхьъя-пайхамар а

22 Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира. 23 Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура, 24- 3:24 Маттай 14:3; Марк 6:17; Лака 3:19, 20. хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.

25 Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух. 26 ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду».

27 Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. 28- 3:28 Яхьъя 1:20. Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“. 29 Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла. 30 Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».

31 Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву. 32 Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу. 33 Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар. 34 ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела. 35- 3:35 Маттай 11:27; Лака 10:22. Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла. 36 КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь+ 3:36 *Ткъе уьтталгӀачу аятан чаккхенан метта ма-дарра къамел кхузахь чекхдала мегара.*.

4

Ӏийса а, шамранхойн зуда а

1 Шена тӀаьхьахӀуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тӀаьхьахӀиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Ӏийсас ЯхӀуд-мохк битира. 2 Ткъа нах хих чекхбахар Ӏийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора. 3 Ӏийса, ЯхӀуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара. 4 ТӀаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан. 5- 4:5 Доладалар 33:19. Иштта Ӏийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кӀантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт. 6 Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра. 7 Цу гӀуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Ӏийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна».

8 Цу хенахь Ӏийсан мурдаш яа хӀума эца юьрта баханера. 9- 4:9 Ӏезар 4:1-5; Нахьми-ЯхӀу 4:1, 2. Шамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара+ 4:9 *Я иштта: *Шамранхоша лелийна пхьегӀаш жуьгташна лело дегаза хетара.*.)

10 Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».

11 ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“? 12 Хьо хӀун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хӀара гӀу тхуна елла волчу?»

13 Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀара хи мелларг юха а хьаглур ву, 14 ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».

15 Зудчо элира Ӏийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хӀара хи кхехьа ца эхийта а».

16 Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза».

17 Зудчо жоп делира: «Сан майра вац».

«Нийса боху ахь, хьан майра вац. 18 ХӀунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хӀинца хьоьца Ӏаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», – элира Ӏийсас.

19 ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар. 20 Тхан дай Далла Ӏибадат дан кху лам тӀе богӀура, ткъа аша и Ӏибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху».

21 Ӏийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТӀейогӀуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Ӏибадат я кху лам тӀехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш. 22 Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду. 23 Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас. 24 Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза».

25 Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза « Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».

26 Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг».

27 Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Ӏийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла. 28 ТӀаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира:

29 «ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?»

30 Юьртара ара а бевлла, и нах Ӏийсана тӀе бахара. 31 Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: « Рабби, хӀума яахьа!» – аьлла.

32 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь».

33 ТӀаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хӀума-м ца еана те Кхунна?»

34 Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а. 35 Ялта дӀадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тӀейогӀур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бӀаьргаш дӀа а беллий, кхаш тӀе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хӀинца. 36 Ялта хьокхучо шена догӀург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дӀадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама. 37 ХӀунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дӀадоь, вукхо хьокху“. 38 Аша шаьш къа ца хьегначу кха тӀе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тӀера ялта гулдина».

39 Цу гӀалара дуккха а шамранхой тийшира Ӏийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», – аьлла дела. 40 Цундела Ӏийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Ӏийсага. ТӀаккха Ӏийса шина денна цаьрца сецира. 41 Ӏийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах. 42 Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХӀинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кӀелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах».

Хьаькаман кӀант туовар

43 И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара. 44- 4:44 Маттай 13:57; Марк 6:4; Лака 4:24. ХӀунда аьлча Ӏийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла. 45- 4:45 Яхьъя 2:23. Ӏийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тӀеийцира Иза. ХӀунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме. 46- 4:46 Яхьъя 2:1-11. Иштта Ӏийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагӀар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кӀант цомгуш вара. 47 Ӏийса ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТӀаккха, Ӏийсана тӀе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дӀа а веана, и кӀант туовар. ХӀунда аьлча и кӀант вала герга вара. 48 ТӀаккха Ӏийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш, я Ӏаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох».

49 Ткъа цу стага дийхира Ӏийсага: «Эла, сан кӀант велла дӀавалале, тӀеволахьа!» – аьлла.

50 Ӏийсас элира цуьнга: «ДӀагӀо, хьан кӀантана гӀоле ю».

Ӏийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дӀавахара. 51 Иза цӀа воьдуш, дуьхьалбогӀучу леша: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – элира. 52 Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гӀоле хила йолаелира кӀантана?»

Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дӀаделира цуьнан», – аьлла.

53 ТӀаккха хиира кӀентан дена, иза шега Ӏийсас: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТӀаккха и стаг а, цуьнан цӀахь мел берш а тийшира Ӏийсах.

54 Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.

5

Бет-Хьасда Ӏомана уллохь стаг туовар

1 Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига. 2 Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда+ 5:2 *Бет-Хьасда *– кхечу тептарш тӀехь цу Ӏомана иштта цӀерш йогӀу: *Байт-Затхьа, Бет-Саида.* олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш. 3 Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш+ 5:3, 4 *Цхьадолчу тептарш тӀехь яздина ду аяташ 3б, 4: *Уьш и хи, дӀа-схьа а даьржина, меттахдаларе ладоьгӀуш Ӏаш бара. ХӀунда аьлча Делан малико, наг-наггахь Ӏома чу а долий, и хи, дӀа-схьа а даржадой, меттахдоккхура. Оццу хенахь, Ӏомана хьалха чуваьлларг, муьлххачу а цамгаро а и хьийзош велахь а, толуш хилла.*. 5 Иштта, ткъе берхӀитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь. 6 И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»

7 Ткъа цомгушчо элира Ӏийсага: «Эла, Ӏома чуьра хи, меттах а даьлла, дӀасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх».

8 Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало».

9 И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. 10- 5:10 Нахьми-ЯхӀу 13:19; Ярми-ЯхӀу 17:21. Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гӀайба дӀабаккха а бакъо ма яц хьан».

11 Ткъа цо жоп делира яхӀудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало“».

12 ТӀаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало аьлла и Стаг?»

13 Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХӀунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Ӏийса къайлавелира. 14 Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».

15 ТӀаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Ӏийса вуй дӀахаийтира. 16 Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира. 17 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх».

18 Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.

КӀентан олалла

19 Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а. 20 Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна. 21 ХӀунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КӀанта а Шена луъург денво. 22 Адамашна тӀехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КӀентан кара дӀаделла Дас, 23 массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.

24 Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. 25 Бакъдерг боху Ас шуьга: тӀейогӀуш ю и зама, тӀекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КӀентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш. 26 ХӀунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КӀантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар. 27 Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.

28 Цец ма довлалаш цунах, хӀунда аьлча тӀейогӀуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КӀентан аз хезар долуш. 29- 5:29 Даниал 12:2. ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. 30 Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».

Ӏийсах тоьшалла дар

31 «Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац. 32 Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна. 33- 5:33 Яхьъя 1:19-27; 3:27-30. Аша Яхьъяна тӀе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира. 34 Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кӀелхьардовлийта боху Аса шуьга хӀара. 35 Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира. 36 Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХӀунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гӀуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. 37- 5:37 Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 3:22. Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. 38 Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела. 39 Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. 40 Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.

41 Адамашкара сий дар ца оьшу Суна. 42 Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа. 43 Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша. 44 Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху. 45 Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Ӏаш долчу шуна. 46 Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хӀунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо. 47 Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»

6

Пхи эзар стаг вузор

(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Лака 9:10-17)

1 Цул тӀаьхьа Галилай-Ӏоман дехьа болчу берда тӀе вахара Ӏийса. Цу Ӏомах Тхьабара-Ӏам олу кхечу тайпана. 2 Дукха адам тӀаьхьахӀоьттира Ӏийсана, хӀунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тӀехь йина тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш. 3 Цкъа, лам тӀе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Ӏаш вара Иза. 4 Ткъа тӀедогӀуш дара « Пасахь» олу деза де. 5 Юхахьаьжча, Ӏийсана гира Шена тӀаьхьахӀоьттина догӀу дукха адам. ТӀаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла.

6 Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.

7 «Царна хӀоранна кӀез-кӀеззиг бепиг кхачийта а, ши бӀе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа.

8 Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:

9 «Кхузахь цхьа кӀант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чӀара а бу. Амма цунах хӀун хир ю кху халкъана?»

10 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тӀе пхи эзар стаг охьахиира. 11 Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира. 12 Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».

13 ТӀаккха и нах яа хӀума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира. 14 Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».

15 Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Ӏийса юха а Ша цхьаъ лам тӀе дӀавахара.

Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду

(Маттай 14:22-33; Марк 6:45-52)

16 ТӀаккха суьйре тӀееача, Ӏийсан мурдаш Ӏам тӀе баха чубиссира. 17 Хинкеман чу а хиъна, Ӏоман вукху агӀор йолчу Къапарнам олучу гӀала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Ӏийса хӀинца а схьа ца веанера. 18 ЧӀогӀа мох баларна, хӀорд карзахбаьллера. 19 Иштта мурдаша, хӀорда тӀехула дӀабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТӀаккха, шайн хинкеманна тӀекхоччуш волу, хин тӀехула гӀаш вогӀу Ӏийса гира царна. Уьш кхерабелира. 20 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!»

21 Ӏийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хӀорш тӀебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.

Ӏийса ду дахаран бепиг

22 ШолгӀачу дийнахь Ӏоман вукху агӀор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Ӏийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Ӏийсах дӀа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дӀабахара. 23 ТӀаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гӀала олучу меттигера. 24 ТӀаккха нахана кхузахь я Ӏийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Ӏийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира. 25 Ткъа шаьш кхаьчначу Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀехь Ӏийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: « Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?»

26 Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху. 27 Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КӀанта шайна лур болу кхача лаха, хӀунда аьлча Дала Шен мухӀар таӀорца тоьшалла до Цунах».

28 ТӀаккха наха Ӏийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гӀуллакхаш кхочушдархьама?»

29 Ӏийсас жоп делира царна: «Далла лерина гӀуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».

30 ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «ХӀун тамашийначу гӀуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХӀун гойтур дара Ахь? 31- 6:31 Арадаккхар 16:4, 15; Забур 77:24. Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара:

„Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».

32 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг. 33 ХӀунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догӀуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг».

34 ТӀаккха наха элира Ӏийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!»

35 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХӀунда аьлча Суна тӀевогӀург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. 36 Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша. 37 Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тӀевогӀург Ас дӀаэккхор вац. 38 ХӀунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. 39 Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тӀаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар. 40 ХӀунда аьлча Сан Ден лаам бу, хӀора а, Со КӀант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тӀаьхьарчу дийнахь».

41 «Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», – Ӏийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхӀудхой. 42 ТӀаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кӀант Ӏийса вац Иза? Ткъа хӀинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?»

43 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь. 44 Цхьаннан а вогӀийла дац Суна тӀе, Со ваийтинчу Дас иза тӀе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тӀаьхьарчу дийнахь. 45- 6:45 ЕшаӀ-ЯхӀу 54:13. Пайхамарийн цхьана тептар тӀехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Ӏамор бу“, – аьлла. ХӀора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогӀу Суна тӀе. 46 Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да. 47 Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар. 48 Со дахаран бепиг ду. 49 Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла. 50 ХӀара бепиг стигалшкара охьадогӀу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама. 51 Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегӀ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дӀалур долу».

52 ТӀаккха вовшашца къийса хӀиттира яхӀудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?»

53 Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КӀентан дилха а ца даахь, Цуьнан цӀий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь. 54 Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тӀаьххьарчу дийнахь. 55 ХӀунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цӀий а бакъдолу малар санна ду. 56 Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву. 57 Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду. 58 ХӀара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хӀара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву».

59 И къамел дира Ӏийсас Къапарнамехь гуламан цӀа чохь, Ша нахана хьехамаш беш.

Дела волчохь хедар доцу дахар луш долу дешнаш

60 И хьехамаш хезначу Ӏийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогӀало цуьнга?»

61 Амма Шен мурдаша реза боцуш гӀам-гӀим дойла Шен даг чохь хууш волчу Ӏийсас элира: «ХӀокху дешнаша а вас йо шуна? 62 Нагахь Адамийн КӀант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хӀун хетар ду те шуна? 63 Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу. 64 Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац».

ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а. 65 ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тӀе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь».

66 Цу хенахь дуьйна Ӏийсан дукхах болу мурдаш Цунах дӀакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш. 67 ТӀаккха Ӏийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дӀакъаста?»

68- 6:68, 69 Маттай 16:16; Марк 8:29; Лака 9:20. Ткъа ШамӀа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тӀегӀур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш. 69 Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна».

70 Ӏийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».

71 Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.

7

Ӏийсан вежарийн Цунах цатешар

1 Цул тӀаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Ӏийса. ЯхӀуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш. 2- 7:2 Ӏамалъяр 23:34; Карлабаьккхинарг 16:13. ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош+ 7:2 *Кхалорийн деза денош *– Уьшялта чудерзорна лерина Далла хастам баран деза денош ду. Цу дезачу деношкахь адамаш кхалораш чохь Ӏаш дара.*.

3 ТӀаккха Ӏийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дӀа а валий, ЯхӀуд-махка гӀохьа, Айхьа деш долу гӀуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. 4 ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».

5 ХӀунда аьлча Ӏийсан вежарий а бацара Цунах тешаш.

6 Цунна дуьхьал Ӏийсас элира цаьрга: «Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. 7 Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела. 8 Шу гӀо шайна и деза де даздан. Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига+ 7:8 *Со ца воьду цига *– кхечу тептарш тӀехь: *Со цкъа ца воьду цига.*».

9 Цаьрга иза а аьлла, Ӏийса Галилайхь висира.

Дезачу дийнахь Ӏийса Ярушалайме вахар

10 Амма Шен вежарий и деза де даздан дӀабахча, Ӏийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха. 11 Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» – бохуш. 12 Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», – олура. 13 Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна.

14 Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, хьехамаш бира. 15 Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хӀума муха хаьа Цунна?» – бохуш.

16 Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу. 17 Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те. 18 Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц. 19 Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»

20 Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?»

21 Ӏийсас, кхин дӀа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гӀуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу. 22- 7:22 а: Ӏамалъяр 12:3; б: Доладалар 17:10. Муса-пайхамаро сунтдар тӀедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш. 23- 7:23 Яхьъя 5:9. Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгӀазло хӀунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? 24 Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».

И вуй те Дала леррина Къобалвинарг?

25 Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХӀара-м вац те вен лоьхург? 26 ХӀинца ХӀокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хӀетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хӀума ма ца олу. Билггала ХӀара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой? 27 Амма вайна ХӀара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву».

28 ТӀаккха Ӏийсас, аз а айдина, Делан цӀийнан кертахь хьехамаш а беш, дӀакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь. 29 Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а».

30 Ӏийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тӀе куьг ца кховдийра, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчнера. 31 Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХӀокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» 32 ТӀаккха парушхошна Ӏийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гӀаролхой бахийтира Ӏийса схьалацийтархьама. 33 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Кхин а кӀеззигчу хенахь Ӏийр ву Со шуьца, цул тӀаьхьа Со Ваийтинчунна тӀе гӀур ву Со. 34 Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац».

35 ТӀаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дӀа а бахана, грекахойн меттигашкахь Ӏаш болчу нахана тӀеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? 36 ХӀун маьӀна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?»

«Дийначу хин» шовданаш

37- 7:37 Ӏамалъяр 23:36. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна. 38- 7:38 Яхьазкхиал 47:1; Закри-ЯхӀу 14:8. Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».

39 Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.

Адамийн тоба екъаялар

40- 7:40 Карлабаьккхинарг 18:15-18; Яхьъя 1:21. И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». 41 Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогӀур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура. 42- 7:42 Дауд 7:12; Мика-ЯхӀу 5:2. «Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»

43 ТӀаккха Ӏийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира. 44 Царах цхьаберш Ӏийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тӀе куьг ца кховдийра.

Динан куьйгалхойн цатешар

45 Иштта и бахана болу гӀаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тӀебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хӀунда ца валийна аша Иза?»

46 Ткъа гӀаролхоша жоп делира: «ХӀинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».

47 ТӀаккха парушхоша элира: «Шу а Ӏеха-м ца дина те Цо? – аьлла. – 48 Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна? 49 Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неӀалт ду царна тӀехь».

50- 7:50 Яхьъя 3:1, 2. ТӀаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Ӏийсана тӀевогӀуш хиллачу Нукха-Демис, элира: 51 «Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»

52 ТӀаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тӀаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогӀий».

Нахаца лелаш йолу зуда схьалацар+ 7:53–8:11 *Уггар ширачу тептарш тӀехь и аяташ дац. Цхьаццадолчу тептарш тӀехь и дийцар кхечу меттигашкахь далош ду.*

53 ТӀаккха хӀора а шен-шен цӀа дӀавахара.

8

1 Ткъа Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀе вахара. 2 ТӀаккха Ӏуьйранна Ӏийса юха а Делан цӀийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тӀе. Охьа а хиъна, Ӏийсас нахана хьехамаш бира. 3 Цу хенахь Ӏелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тӀе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дӀахӀоттийра. 4 Цара Ӏийсага элира: «Устаз! ХӀара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю. 5- 8:5 Ӏамалъяр 20:10; Карлабаьккхинарг 22:22-24. Ткъа Мусан хьехамо тӀедиллина и санначарна тӀулгаш кхоссар. ХӀинца Ахь хӀун эр дара?»

6 И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира. 7 Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира:

«Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».

8 Иза а аьлла, юха а охьатаьӀна, лаьтта тӀехь яздеш вара Ӏийса. 9 Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тӀаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дӀабахара. ТӀаккха Ӏийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца 10 Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга:

«Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?»

11 Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла».

«Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Ӏийсас. – ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».

Ӏийса дуьненна елла серло ю

12- 8:12 Маттай 5:14; Яхьъя 9:5. Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».

13- 8:13 Яхьъя 5:31. ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».

14 Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а. 15 Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо. 16 Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хӀунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. 17- 8:17 Карлабаьккхинарг 19:15. Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. 18 Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».

19 ТӀаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?»

Ӏийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара».

20 Иштта къамел деш вара Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀекхаьчна яцара.

Со воьдучу шу дахкалур дац

21 Юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дӀавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац».

22 ТӀаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?»

23 Кхин а элира Ӏийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. 24 Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».

25 ТӀаккха элира цара Ӏийсага: «Хьо мила ву?»

Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх. 26 Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хӀума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хӀара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а».

27 Ткъа уьш ца кхийтира, Ӏийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй. 28 Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. 29 И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».

30 Ӏийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира.

Бакъдолчо паргӀатдохур ду шу

31 Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду. 32 Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».

33- 8:33 Маттай 3:9; Лака 3:8. Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»

34 Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву. 35 Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. 36 Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду. 37 Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела. 38 Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо».

Шун да иблисах ву

39 Ӏийсана жоп а луш, яхӀудхоша элира: «Тхан да ИбрахӀим ву».

Ткъа Ӏийсас элира цу яхӀудхошка: «Нагахь шу ИбрахӀиман хӀух делахьара, ИбрахӀима дина доллу гӀуллакхаш дийр дара аша. 40 Ткъа хӀинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахӀима ца дора. 41 Аша шайн дас динна гӀуллакхаш до».

ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «Тхо къотӀалгӀадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву».

42 Ӏийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хӀунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. 43 ХӀунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. 44 Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. 45 Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша. 46 Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хӀунда ца теша? 47 Ша Делера Волчо ладугӀу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугӀу».

ИбрахӀим хилале хьалха Со хилла

48 Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхӀудхоша элира Ӏийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?»

49 Ӏийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво. 50 Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву. 51 Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац».

52 ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. 53 Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»

54 Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху. 55 Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо. 56 Шун дас ИбрахӀима хазахетарца ладугӀура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна».

57 Ӏийсас аьллачунна дуьхьал яхӀудхоша элира: «Хьан хӀинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахӀим гина?»

58 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».

59 ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.

9

Ша вичхьана дуьйна бӀаьрзе хилла волу стаг туовар

1 ТӀаккха чекхволучу Ӏийсана ша вичхьана дуьйна бӀаьрзе хилла волу цхьа стаг гира. 2 Ӏийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: « Рабби! Хьан къа латийна дела бӀаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?»

3 Ӏийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тӀехь Делан нуьцкъалаллин гӀуллакхаш гайтархьама хилла иза. 4 Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тӀедехкина гӀуллакхаш. ТӀейогӀуш буьйса ю, тӀаккха цхьаьнгге а хӀумма а далур дац. 5- 9:5 Маттай 5:14; Яхьъя 8:12. Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со».

6 И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Ӏийсас. ТӀаккха и поппар бӀаьрзечун бӀаьргех хьаькхира Цо. 7 Цул тӀаьхьа бӀаьрзечуьнга элира Ӏийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила».

Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тӀаккха бӀаьрса а гуш, иза цӀа вирзира. 8 Лулахоша а, и стаг сагӀа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХӀара вац и, охьахиъна, сагӀа доьхуш хилларг?»

9 Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза».

Вукхара олура: «Цунах тера ву и».

Ткъа цо ша элира: «Со ву иза».

10 ТӀаккха хаттарш дора цуьнга: «БӀаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» – бохуш.

11 Цу стага дуьхьал жоп делира: «Ӏийса цӀе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бӀаьргашна тӀе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тӀаккха сан бӀаьргашна са гира».

12 ТӀаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?»

Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», – аьлла.

Парушхоша бӀаьрзениг товалар муха хилла таллар

13 И хьалха бӀаьрзе хилла стаг парушхошна тӀевигира. 14 Ткъа Ӏийсас, поппар а бина, бӀаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара. 15 ТӀаккха парушхоша а хаьттира: «БӀаьрса муха деана хьуна?» – аьлла.

Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бӀаьргашна тӀебиллира Цо иза. ТӀаккха ас юьхь йилира, ткъа хӀинца суна бӀаьрса го».

16 ТӀаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела».

Вукхара олура: «Шена тӀехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш?»

Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира. 17 Юха а бӀаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хӀун эр ду Цунах лаьцна, хӀунда аьлча Цо хьан бӀаьргашна са ма гайтина?»

Цу стага элира: «Иза пайхамар ву».

18 ТӀаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бӀаьрзе а хилла, хӀинца цуьнан бӀаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тӀекхайкхира цара. 19 Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХӀара вуй аша вичхьана а бӀаьрзе хилла ву боху шун кӀант? Ткъа хӀинца бӀаьрса муха го цунна?»

20 Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хӀара кӀант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бӀаьрзе хилла хилар а хаьа. 21 Ткъа хӀинца цунна бӀаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХӀара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна».

22 Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХӀунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цӀийнах дӀакъасто. 23 Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», – аьлла. 24 ТӀаккха, шозлагӀа а и бӀаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».

25 Цу бӀаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хӀума-м хаьа суна: Со хӀинццалц бӀаьрзе хилла хилар а, ткъа хӀинца суна са гуш хилар а».

26 Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХӀун дира Цо хьуна? Хьан бӀаьргаш дӀа муха диллира Цо?» – аьлла.

27 БӀаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгӀира. ХӀинца юха а хаза хӀунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?»

28 ТӀаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду. 29 Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХӀара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».

30 Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хӀума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бӀаьргаш дӀа ма биллина. 31 Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугӀий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугӀу. 32 ХӀара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бӀаьрзе хиллачу стеган бӀаьргашна са гайтийтина бохуш. 33 Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хӀумма а далур а дацара».

34 Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?»

Иза а аьлла, гуламан цӀийнах дӀакъастийра цара и стаг.

Син бӀаьрзе хилар

35 И стаг гуламан цӀийнах дӀакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Ӏийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КӀантах?»

36 Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?»

37 Ӏийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хӀинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву».

38 ТӀаккха бӀаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Ӏийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.

39 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БӀаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бӀаьрса долуш берш бӀаьрзе бан а веана».

40 Ӏийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бӀаьрзе?»

41 Ӏийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бӀаьрзе делахьара, шуна тӀехь бехк хир бацара. Ткъа хӀинца аш боху: „Тхуна са го“, – цундела шун бехк шуна шайна тӀехь буьсу».

10

Ӏу а, цуьнан жа а

1 «Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву. 2 Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагӀийн Ӏу ву. 3 Ков лардеш волчу стага цунна ков дӀадоьллу, ткъа уьстагӀаша цуьнан озе ла а дугӀу. ТӀаккха, шен уьстагӀийн цӀераш а йохуш, уьш арадоху цо. 4 Шен дерриге а уьстагӀий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагӀий цунна тӀаьхьахӀуьтту, шайна цуьнан аз девза дела. 5 Хийрачунна тӀаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».

6 И хьекъале дустар далийра Ӏийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьӀнах.

Ӏийса дика Ӏу ву

7 ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду. 8 Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагӀаша цаьрга ла ца дуьйгӀира. 9 Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю. 10 Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.

11 Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа. 12 Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо. 13 И Ӏу дӀаводу, ша йолах Ӏу волу дела а, шен оцу уьстагӀийн бала а боцу дела а.

14 Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. 15- 10:15 Маттай 11:27; Лака 10:22. Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа. 16 Кхин а уьстагӀий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагӀий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугӀур ду Сан озе, тӀаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Ӏу а хир ву. 17 Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дӀало дела, Сан Дена Со веза. 18 Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».

19 Юха а, Ӏийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира. 20 Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?» 21 Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дӀаделлалур дуй бӀаьрзечун бӀаьргаш?»

ЯхӀудхоша Ӏийса тӀе ца оьцу

22 Ӏай Ярушалайм-гӀалахь даздеш долу «Карладаккхар»+ 10:22 *Карладаккхар *– Сири-мехкан паччахьо Ярушалаймерчу Делан цӀа чохь цӀун сурт дӀахӀоттийнера. ТӀаьхьа исраилхоша и цӀу Делан цӀа чуьра аракхоьссинера. И деза де Делан цӀа, цӀан а дина, карладаккхар дагалоцуш хӀоттийна дара.* олу деза де тӀедеара. 23 Делан цӀийнан кертара Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь лелаш вара Ӏийса. 24 Кхузахь Ӏийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».

25 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цӀарах Ас деш долчу гӀуллакхаша тоьшалла до Сох. 26 Амма шаьш Сан уьстагӀех доцу дела, ца теша шу Сох. 27 Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу. 28 Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац. 29 Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. 30 Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».

31 ТӀаккха юха а наха тӀулгаш схьаийцира, Ӏийсана деттархьама.

32 Ӏийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гӀуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тӀулгаш детта гӀерта шу Суна?»

33- 10:33 Ӏамалъяр 24:16. Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».

34- 10:34 Забур 81:6. Ӏийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тӀехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“? 35 Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц), 36 тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, – аларна? 37 Нагахь Ас Сайн Дас до гӀуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш. 38 Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла».

39 ТӀаккха юха а лийхира цара Ӏийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.

40- 10:40 Яхьъя 1:28. Юха а Йордан-хин вукху агӀор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Ӏийса. Цигахь висира Иза. 41 Дукха нах баьхкира Ӏийсана тӀе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гӀуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла». 42 Цигахь дукха нах тийшира Ӏийсах.

11

ЛаӀзар валар

1- 11:1 Лака 10:38, 39. Бет-ХӀина олучу юьртахь Ӏаш вара, ЛаӀзар цӀе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чӀогӀа цомгуш вара. И Бет-ХӀина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг. 2- 11:2 Яхьъя 12:3. Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тӀе хаза хьожа йогӀу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаӀзар вара.

3 Цу йижарша хабар дахьийтира Ӏийсана тӀе: «Эла, хӀара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла.

4 И хаам Шена хезча, Ӏийсас элира: «И цамгар Ӏожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КӀентан сийлалла гайтархьама ю».

5 Ӏийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаӀзар а. 6 Ткъа ЛаӀзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Ӏийсас оцу Ша волчу меттехь. 7 Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхӀуд-махка гӀо вай».

8 Ткъа мурдаша элира Цуьнга: « Рабби! Дукха хан ма яц яхӀудхоша Хьуна тӀулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»

9 Ӏийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хӀунда аьлча цунна кху дуьненан серло го. 10 Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хӀунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу». 11 Иза а аьлла, юха а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Вайн доттагӀа ЛаӀзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».

12 Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».

13 Амма Ӏийсас ЛаӀзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Ӏийсас ЛаӀзарна наб кхетта боху. 14 ТӀаккха Ӏийсас дуьххьал дӀаэлира цаьрга: «ЛаӀзар дӀакхелхина. 15 Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хӀинца гӀо вай и волчу».

16 ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».

Ӏийса ву велларг денвеш Верг а, дахар луш Верг а

17 Схьакхаьчначу Ӏийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Ӏуьллуш карийра ЛаӀзар. 18 Бет-ХӀина олучу гӀалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара. 19 Дукха яхӀудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тӀе церан ваша ЛаӀзар кхалхар бахьана долуш кадам бан. 20 Ӏийса вогӀуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цӀахь йисира.

21 ТӀекхаьчча, Мартас Ӏийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша. 22 Амма суна хӀинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».

23 Ткъа Ӏийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».

24 Мартас элира Ӏийсага: «Нах денлур болчу тӀаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».

25 Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду. 26 Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»

27 Мартас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КӀант а вуйла».

Ӏийсан велхар

28 Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».

29 И хезча, Марем, сихха хьала а гӀаьттина, Ӏийсана тӀеяхара. 30 Ӏийса хӀинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хӀинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара. 31 ТӀаккха Марем, сихха хьала а гӀаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхӀудхошна иза къуббанна тӀейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тӀаьххье бахара. 32 Ткъа Марема, Ӏийса волчу дӀакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».

33 Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхӀудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Ӏийса. 34 Ӏийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?»

Цара жоп делира: «ГӀой, хьажахь, Эла!» 35 Ӏийсан бӀаьргех хиш деара. 36 ТӀаккха яхӀудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!» 37 Амма яхӀудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бӀаьрзечу стеган бӀаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хӀара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?»

ЛаӀзар веллачуьра денвар

38 Ӏийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тӀевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тӀулг а болуш. 39 ТӀаккха Ӏийсас элира: «ДӀакарчабе и дуьхьалара тӀулг».

Веллачун йишас Мартас элира Ӏийсага: «Эла! Вон хьожа йогӀу цунах, хӀара доьалгӀа де ма ду иза дӀавоьллина».

40 Ӏийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»

41 ТӀаккха тӀулг дӀакарчийра. Ткъа Ӏийсас, бӀаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дӀахазарна. 42 Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дӀахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама».

43 Иза а аьлла, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «ЛаӀзар! Аравала!» – аьлла.

44 ТӀаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дӀахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ДӀа а вастий, дӀавахийта иза».

45 ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах. 46 Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка. 47 ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту? 48 Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду».

49 Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа, 50 я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул».

51 Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. 52 Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. 53 Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара. 54 Цундела Ӏийсас Ша яхӀудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дӀа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Ӏийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.

55 Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама. 56 Цу адамаша Делан цӀийнан кертахь Ӏийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогӀур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?»

57 Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Ӏийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.

12

Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар

(Маттай 26:6-13; Марк 14:3-9)

1 Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш. 2 Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца. 3- 12:3 Лака 7:37, 38. ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира. 4 ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира: 5 «И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?» 6 И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.

7 ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта+ 12:7 *Шена ца хуъушехь... цо и даьтта *– я иштта: *Бухадиснарг Со дӀавуллучу денна Ӏалашдойла цо.*. 8- 12:8 Карлабаьккхинарг 15:11. ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».

ЛаӀзарна дуьхьал бина барт

9 Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш. 10 Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира. 11 ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.

Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар

(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Лака 19:28-40)

12 ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла. 13- 12:13 Забур 117:25, 26. Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара:

« ХӀашанна!+ 12:13 *ХӀашанна! *– иза «кӀелхьардаха!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам!» бохучух терра ду.*

Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу

Исраилан Паччахь!»

14 Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:

15- 12:15 Закри-ЯхӀу 9:9. «Ма кхералахь, Цийонан йоӀ!+ 12:15 *Цийонан йоӀ *– Ярушалайм-гӀалара бахархой.*

ХӀара хьан Паччахь вогӀу,

къоначу вира тӀе а хиъна».

16 Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.

17 Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора. 18 Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах. 19 Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»

Цхьаболчу грекахоша Ӏийса лахар

20 Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара. 21 Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».

22 Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург. 23 Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга:

«ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт. 24 Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо. 25- 12:25 Маттай 10:39; 16:25; Марк 8:35; Лака 9:24; 17:33. Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза. 26 Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».

Ӏийсас Шен толамах лаьцна дуьйцу

27 «Ткъа хӀинца Сан са карзахдаьлла. ХӀун ала те Ас? „Дада, кӀелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. 28 Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цӀеран сийлалла!»

ТӀаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цӀеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хӀинца кхин а гойтур а ю», – аьлла.

29 Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара».

Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца».

30 Цара аьллачунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза. 31 ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца. 32 Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тӀеозор ду Ас».

33 Иза Ӏийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама. 34- 12:34 Забур 109:4; ЕшаӀ-ЯхӀу 9:7; Яхьазкхиал 37:25; Даниал 7:14. Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „ Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»

35 ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀинца а кӀеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дӀа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. 36 И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тӀаккха серлонан кӀентий хир ду шух». Иза а аьлла, Ӏийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах.

ЯхӀудхойн цатешар

37 Оццул дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтира Ӏийсас нахана, хӀетте а тешаш бацара уьш Цунах. 38- 12:38 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:1 (Грекийн). Иза дара ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла хӀара дешнаш кхочушхилийтархьама:

«Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух?

Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?»

39 Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро кхидӀа а иштта аьлла дела:

40- 12:40 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:10 (Грекийн). «Дала церан бӀаьргаш бӀаьрзе бинера,

церан дегнаш а шога динера,

церан бӀаьргашна са ца гайта а,

церан дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а,

уьш шайна гӀо дайтархьама Шена тӀе ца бахийта а. –

Ас уьш то а бийр бара!»

41 Иштта аьллера ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, шена Ӏийсан сийлалла гича. Иза Ӏийсах лаьцна аьллера цо. 42 Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Ӏийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цӀийнах дӀакъасторах. 43 ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.

Тешар а, цатешар а

44 ТӀаккха Ӏийсас дӀакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Ӏаш, Со Ваийтинчух а теша. 45 Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го. 46 Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. 47 Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву. 48 Со юхатухуш а, Сан дешнаш тӀе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тӀаьххьарчу дийнахь. 49 ХӀунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хӀун ала а, хӀун дийца а деза олуш. 50 Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».

13

Ӏийсас Шен мурдийн когаш билар

1 Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна. 2 Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана. 3 Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а. 4 Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира. 5 Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. 6 Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?»

7 Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо».

8 ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а».

Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх».

9 ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!»

10 Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а». 11 Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», – аьлла.

12- 13:12-15 Лака 22:27. Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду? 13 Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14 Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15 Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. 16- 13:16 Маттай 10:24; Лака 6:40; Яхьъя 15:20. Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. 17 Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. 18- 13:18 Забур 40:10. Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, – боху дешнаш. 19 ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.

20- 13:20 Маттай 10:40; Марк 9:37; Лака 9:48; 10:16. Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».

Ӏийсас Шена ямартло хьан йийр ю дӀадийцар

(Маттай 26:20-25; Марк 14:17-21; Лака 22:21-23)

21 И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».

22 ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. 23 Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара. 24 Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла. 25 Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла.

26 Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву».

ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра. 27 ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».

28 Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга. 29 ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагӀа ло», – боху.

30 Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра.

Керла гӀуллакх тӀедиллар

31 Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. 32 Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.

33- 13:33 Яхьъя 7:34. Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза. 34- 13:34 Яхьъя 15:12, 17; 1 Яхьъяс 3:23; 2 Яхьъяс 1:5. ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. 35 Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар».

Ӏийсас хьалххе дӀахоуьйту Кипас Ша дӀатосург хилар

(Маттай 26:31-35; Марк 14:27-31; Лака 22:31-34)

36 ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?»

Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье».

37 Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».

38 Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“».

14

Ӏийса Дена тӀе боьду некъ бу

1 «Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. 2 Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга+ 14:2 *Со шуна меттиг кечъян воьду... дацара шуьга *– я иштта: *Уьш яцахьара, эр дарий Ас шуьга: «Шуна меттиг кечъян воьду Со»?*. 3 Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. 4 Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».

5 ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»

6 Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен. 7 Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».

8 Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».

9 Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? 10 Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш. 11 Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох. 12 Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. 13 ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама. 14 Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».

Делан Са лур ду алар

15 «Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша. 16 Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. 17 Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. 18 Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу. 19 Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду+ 14:19 *Кхин тайпа гочдан мега: *Амма шуна гур ву Со, хӀунда аьлча Соьца дахар ду, шу а дехар ду.*. 20 Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. 21 Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».

22 Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»

23 Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь. 24 Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.

25 ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш. 26 Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.

27 Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.

28 Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.

29 ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама. 30 Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац. 31 Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас.

ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».

15

Ӏийса кемсийн бакъйолу таьлланг ю

1 «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. 2 Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дӀахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цӀандо, алссам стоьмаш хилийта.

3 Ас шуна хьехначу дашехула хӀинца шу цӀена ду. 4 Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тӀехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча.

5 Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хӀумма а далур дац.

6 Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу. 7 Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. 8 Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу.

9 Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь. 10 Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела. 11 ХӀара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а. 12- 15:12 Яхьъя 13:34; 15:17; 1 Яхьъяс 3:23; 2 Яхьъяс 1:5. ХӀара ду Ас шуна тӀедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“. 13 Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац. 14 Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь. 15 ХӀинца ца олу Ас шух ялхой, хӀунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагӀий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дӀахаийтина дела. 16 Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дӀахӀиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТӀаккха аш Сан цӀарах хӀуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. 17 Ткъа хӀара тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш».

Дуьненан цабезам

18 «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. 19 Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна.

20- 15:20 Маттай 10:24; Лака 6:40; Яхьъя 13:16. Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.

21 И дерриг а дийр ду шуна Сан цӀе бахьана долуш, хӀунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза.

22 Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХӀинца шайн къиношна уьш бехказа бац. 23 Со ца везачунна Сан Да а ца веза. 24 Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гӀуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тӀаккха царна тӀехь къа а хир дацара. Ткъа хӀинца, и гӀуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а. 25- 15:25 Забур 34:19; 68:5. Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тӀехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“.

26 Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гӀо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. 27 Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».

16

1 «ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама. 2 Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш. 3 И гӀуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела. 4 ХӀара элира Ас шуьга, и зама тӀееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг».

Делан Синан болх

«ХӀинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела. 5 Ткъа хӀинца Со Ваийтинчунна тӀевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“ 6 Амма Аса шайга и дӀахаийтарна, шун дегнаш гӀайгӀанах дуьзна ду. 7 Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дӀавахар гӀоле ю шуна“. Нагахь Со дӀа ца вахча, шуна гӀо Дийриг вогӀур вац, ткъа Со дӀавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна. 8 Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агӀор дуьне тиладалар. 9 Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа. 10 ТӀаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хӀунда аьлча Со Дена тӀе гӀур ву. Со кхин гур вац шуна. 11 Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.

12 Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу. 13 Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. 14 Цо Сан сийлалла ойур ю, хӀунда аьлча Соьгарчух дӀа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза. 15 Ден мел долу хӀума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дӀа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».

Халахетар а, хазахетар а

16 «Кестта Со гур вац шуна. ТӀаккха юха а кестта гур ву шуна Со».

17 ТӀаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хӀун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»

18 Иштта цара бохура: «И хӀун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».

19 Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“? 20 Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. 21 Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна. 22 Иштта шу а хӀинца гӀайгӀане ду, амма Суна юха гур ду шу, тӀаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дӀадоккхур дац шуьгара. 23 ТӀаккха цу дийнахь хӀумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цӀарах цхьа хӀума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. 24 ХӀинццалц хӀумма а ца дехнера аша Сан цӀарах. Ткъа хӀинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».

Дуьненна тӀехь толам баккхар

25 «ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош. 26 Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цӀарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега. 27 ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.

28 Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хӀинца, юха а хӀара дуьне дитина, Дена тӀевоьду Со».

29 ТӀаккха Ӏийсан мурдаша элира: «ХӀаъ, хӀинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш. 30 ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».

31 Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀинца теша шу? 32 Ткъа хӀинца тӀекхоччуш лаьтта, тӀекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дӀаса а даьржина, хӀора а шайн-шайн цӀа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела. 33 ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».

17

Ӏийсан доӀа

1 И дешнаш а аьлла, Шен бӀаьргаш стигала хьала а хьажийна, Ӏийсас элира: «Дада! ТӀедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КӀентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта. 2 ХӀунда аьлча массо а адамна тӀехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама. 3 Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Ӏийса а вовзар. 4 Ахьа Сайна тӀедиллина гӀуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. 5 Ткъа хӀинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.

6 Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цӀе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира. 7 Ткъа хӀинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар. 8 И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дӀаделла. Ткъа цара и дешнаш тӀеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх. 9 Ас доьху Хьоьга царна тӀера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тӀера, амма Ахь Суна деллачарна тӀера, уьш Хьан долу дела. 10 Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла. 11 Со хӀинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогӀу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цӀеран олаллица+ 17:11 *Хьайн цӀеран олаллица *– цхьадолчу тӀаьхьа арадевллачу тептарш тӀехь: *Хьайн дуьхьа.* Ӏалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама. 12- 17:12 Забур 40:10; Яхьъя 13:18. Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цӀеран олаллица Ас уьш Ӏалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хӀаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тӀехь дерг кхочушхилийтархьама.

13 Ткъа хӀинца Хьуна тӀевогӀу Со. Амма хӀара Ас хӀинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама. 14 Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела. 15 Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дӀаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар. 16 Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац. 17 Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг. 18 Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу. 19 Аса церан дуьхьа Со дӀало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.

20 Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а. 21 Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама. 22 Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама. 23 Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.

24 Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера. 25 Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар. 26 Аса гучуяьккхира царна Хьан цӀе, хӀинца чул тӀаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».

18

Ӏийсана ямартло яр а, Иза лацар а

(Маттай 26:47-56; Марк 14:43-50; Лака 22:47-53)

1 Шен доӀа дина а ваьлла, Ӏийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогӀина дуьхьал агӀор йолчу беша дӀаволавелира. Цу беша бевлира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. 2 Ткъа Ӏийсана ямартло еш волчу ЯхӀудана а евзара и меттиг, хӀунда аьлча Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь. 3 Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.

4 Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»

5 Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза».

Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара. 6 Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.

7 ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?»

Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», – аьлла.

8 Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».

9 Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».

10 ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра. 11- 18:11 Маттай 26:39; Марк 14:36; Лака 22:42. Ӏийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»

Ӏийса динан коьртачу дена хьалха валавар

12 Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира. 13 ТӀаккха Ӏаннина тӀевигира цара Ӏийса, Ӏанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна. 14- 18:14 Яхьъя 11:49, 50. Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гӀоле ю аьлла, хьехам бинарг.

Кипас Ӏийса дӀатасар

(Маттай 26:69, 70; Марк 14:66-68; Лака 22:55-57)

15 Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара ШамӀа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Ӏийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира. 16 Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТӀаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гӀарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира. 17 ТӀаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хӀокху Стеган мурдех?»

Кипас элира: «Вац».

Динан коьртачу дас Ӏийсага барт хаттар

18 Цигахь шийла хиларна, кӀора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гӀаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.

19 Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага. 20 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура. 21 Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла».

22 Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»

23 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?»

24 ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.

Кипас юха а Ӏийса дӀатасар

(Маттай 26:71-75; Марк 14:69-72; Лака 22:58-62)

25 Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?»

«Вац», – аьлла, дӀахадийра Кипас.

26 Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» 27 Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира.

Ӏийса Пулатана хьалха схьавалаво

(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Лака 23:1-5)

28 Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29 ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»

30 Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».

31 ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна».

Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».

32- 18:32 Яхьъя 3:14; 12:32. Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33 ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»

34 Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»

35 Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»

36 Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».

37 ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?»

Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».

38 Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?»

Ӏийса вен кхел йо

(Маттай 27:15-31; Марк 15:6-20; Лака 23:13-25)

Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна. 39 Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»

40 Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.

19

1 ТӀаккха Пулата омра дира, Ӏийса дӀа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла. 2 Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар+ 19:2а *Кочар *– паччахьан таж санна.* а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба+ 19:2б *ЦӀен бос болу оба *– иштта обанаш паччахьаша тӀеюхуш хилла.* тӀекхоьллира. 3 Цул тӀаьхьа, Ӏийсана тӀе а хӀуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТӀаккха цара Цуьнан юьхь тӀе еттара.

4 Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХӀинца аса аравоккху ХӀара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хӀума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». 5 ТӀаккха, коьрта тӀехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тӀе цӀен духар дуьйхина волу Ӏийса гӀишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХӀара ву и Стаг».

6 Ӏийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гӀаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дӀатоха Иза, хӀунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».

7 Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КӀант ву боху дела».

8 Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тӀе а кхеравелира. 9 Цо, юха а гӀалин гӀишло чу а ваьлла, Ӏийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас цуьнга жоп ца делира. 10 ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дӀахеца а, сайна лаахь, Хьо жӀарах дӀатохийта а?»

11 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».

12 Цу хенахь дуьйна Пулат Ӏийса дӀахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дӀахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагӀа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагӀа ву».

13 И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира. 14 И дерриге а пӀераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кӀирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТӀаккха: «ХӀан, ХӀара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе.

15 ТӀаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДӀаваккха Иза! ДӀаваккха! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жӀарах дӀатоха веза ас?»

Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».

Ӏийса жӀарах дӀатохар

16 ТӀаккха Пулата цаьрга дӀавелира Ӏийса, Иза жӀарах дӀатохийтархьама. Иштта Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавигира цара. 17 Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю). 18 Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира цара. Ӏийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жӀарех дӀатоьхна, Ӏийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агӀор. 19 Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».

20 И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хӀунда аьлча Ӏийса жӀарах дӀатоьхна йолу и меттиг гӀалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.

21 Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».

22 Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».

23 Ӏийса жӀарах дӀатоьхна бевлча, тӀемалоша Цуьнан тӀеюху хӀуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хӀора тӀемалочунна цхьацца дакъа а луш. Ӏийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кӀадих йина яра. 24- 19:24 Забур 21:19. ТӀаккха тӀемалоша вовшашка элира: «ХӀара коч этӀор яц вай. ХӀокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай».

Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушдеш:

«Цара вовшашлахь йийкъира Сан тӀеюху хӀуманаш,

кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш».

ТӀемалоша иза иштта дан а дира.

25 Ӏийса дӀатоьхначу жӀарана уллохь лаьтташ бара Ӏийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а. 26 ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант». 27 Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.

Ӏийсан пӀендаршна юккъе гоьмукъ Ӏутту

28- 19:28 Забур 68:22; 21:16. Цул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».

29 Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТӀаккха тӀемалочо, цу кхаби чу худург а Ӏоьттина, иза ораматан гаьнна тӀе а йихкина, Ӏийсан бете яьхьира. 30 Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.

31 И дерриг пӀераскан дийнахь хиларна, догӀмаш жӀарана тӀехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хӀунда аьлча тӀедогӀуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жӀарах дӀатоьхна болчеран настарш каг а йина, жӀараш тӀера церан догӀмаш дӀадахийтахьара аьлла.

32 Иштта тӀемалоша, схьа а баьхкина, Ӏийсана цхьацца агӀор дӀатоьхначеран настарш кегйира. 33 Ткъа Ӏийсана тӀебахча, Иза дӀакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара. 34 Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара. 35 И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама+ 19:35 *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *шу а цунах тешаш хилархьама.*. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа. 36- 19:36 Арадаккхар 12:46; Лелар 9:12; Забур 33:21. Иза хилла дӀахӀоьттира, Делан Йозанаш тӀехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьӀахк кагйина хир яц», – аьлла. 37- 19:37 Закри-ЯхӀу 12:10; Довзийтинарг 1:7. Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».

Ӏийсан дӀаволлар

(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Лака 23:50-56)

38 Цул тӀаьхьа Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Ӏийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Ӏийсан дегӀ жӀара тӀера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТӀаккха цо, вахана, и дегӀ жӀара тӀера схьадаьккхира. 39- 19:39 Яхьъя 3:1, 2. Хьалха, буьйсанна Ӏийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогӀу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. 40 Цара, Ӏийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогӀу хьакхарш хьаькхна долчу кӀади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Ӏедалехь стаг дӀавуллуш ма-дарра.

41 Ӏийса жӀарах дӀатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хӀинца а цхьа а виллаза къубба яра. 42 И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пӀераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Ӏийса цу чу виллира.

20

Ӏийса веллачуьра денвалар

(Маттай 28:1-8; Марк 16:1-8; Лака 24:1-12)

1 Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана. 2 ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».

3 ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара. 4 И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира. 5 ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира. 6 Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш. 7 Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара. 8 Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира. 9 ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара. 10 Иштта мурдаш юхабирзира.

Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар

(Маттай 28:9, 10; Марк 16:9-11)

11 Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира. 12 Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь. 13 ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?»

Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».

14 И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла. 15 Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?»

Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».

16 Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!»

Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).

17 ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“». 18 ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.

Ӏийса мурдашна гар

(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Лака 24:36-49)

19 Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» 20 И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна. 21 ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» 22 И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са. 23- 20:23 Маттай 16:19; 18:18. Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».

Ӏийса а, ТӀама а

24 Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара. 25 ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира».

Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».

26 Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!» 27 ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».

28 ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»

29 Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».

Кху тептаран Ӏалашо

30 Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу. 31 Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама+ 20:31 *Шу тешийтархьама *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *шу тешаш хилархьама.* а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.

21

Ӏийсас Ша ворхӀ мурдана гайтар

1 Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан+ 21:1 *Тхьабара-хӀорд *– и бу Галилай-Ӏам.* йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь.

2 Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара. 3- 21:3 Лака 5:5. ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду».

Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира. 4 Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла.

5 Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?»

Цара жоп делира: «Дац», – аьлла.

6- 21:6 Лака 5:6. Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий».

Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. 7 ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву».

Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. 8 Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. 9 Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира.

10 Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза».

11 ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира. 12 Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна».

Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. 13 Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра. 14 Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша.

Ӏийса а, Кипа а

15 Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?»

Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий».

ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа».

16 ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?»

Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий».

Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо».

17 КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?»

Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий».

Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа. 18 Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».

19 Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

Ӏийса а, Цунна къаьсттина везна волу мурд а

20- 21:20 Яхьъя 13:25. Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) 21 Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?»

22 Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц+ 21:22 *Со юхаваллалц *– ма-дарра аьлча: *Со схьаваллалц.*, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта».

23 Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?»

24 И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.

25 Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.