Ярми-ЯхӀу
пайхамаран тептар
Дешхьалхе
Ярми-ЯхӀу пайхамар ваьхна, Дала леррина Къобалвинарг дуьнен чу валале, ворхӀалгӀачу бӀешеран тӀаьххьарчу декъехь а, йолхалгӀачу бӀешеран хьалхарчу декъехь а. Еххачу хенахь Далла гӀуллакх а деш, цо Делан халкъе дӀахьедора, цӀушна Ӏибадат дарна а, къинош леторна а цунна тӀехь бохам лаьттар бу бохуш. Иза дийна а волуш, цо хьалххе аьлла бохам кхочушхилира: Ярушалайм-гӀала бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран караяхара, гӀала а, Делан цӀа а дохийра, ЯхӀудан халкъан паччахь а, халкъах дукхахберш а Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ярми-ЯхӀус хиндолчух лаьцна кхин а аьллера: халкъ йийсарера юха а доьрзур ду, къам юхаметта а хӀуттур ду.
Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар хӀокху дакъошка декъа мегар ду: 1) Дала Ярми-ЯхӀуга тӀекхайкхар (1 корта); 2) Юши-ЯхӀус а, ЯхӀу-Якхама а, ЯхӀу-Яхина а, ЦӀадукъ-ЯхӀус а паччахьалла дечу заманашкахь ЯхӀудан къомана а, цуьнан куьйгалхошна а лерина Делера болу хаамаш (2–25 кортош); 3) Ярми-ЯхӀус дийцинарг цуьнан йозанча волчу Баруха дӀаяздар: Ярми-ЯхӀугахула Делера болу цхьаболу хаамаш а, Ярми-ЯхӀун дахарехь лараме хилларш а (26–45 кортош); 4) Цхьадолчу кхечу къаьмнех болу Везачу Элан хаамаш (46–51 кортош); 5) Хиллачух лаьцна долу дийцарш тӀехь долу тӀаьххьара дакъа. Цу тӀехь дуьйцу Ярушалайм-гӀала эшорах лаьцна а, Бавел-махка нах йийсаре дӀабигарх лаьцна а (52 корта).
Ярми-ЯхӀу экам стаг вара. Шен халкъ цунна дукхадезара. Хиндолу таӀзар нахана кхайкхо цунна чӀогӀа хаза ца хетара. Дала цуьнга, пайхамар хила аьлла, тӀекхайкхар бахьана долуш, цуьнан дукха Ӏазапаш лан дийзира. Тептаран дуккха а меттигашкахь дог дохарца цунах лаьцна дуьйцу Ярми-ЯхӀус. Делахь а цуьнга кхочушдолу Везачу Элера дош цуьнан дага чохь цӀе санна дара – вист ца хила цуьнан йиш яцара.
Тептаран уггар ларамечу дешнех цхьадерш, Ярми-ЯхӀу вехаш волчу халачу денойх лаьцна а ца Ӏаш, Делаца керла барт бен долчу дийне хьаьжна ду: Делан халкъо и барт ларбийр бара, хӀунда аьлча и барт церан дегнаш тӀе язбина хир бара (31:31-34).
11 ХӀара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тӀехь лаьтташ йолчу Ӏанатот-гӀаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀентех волчу а Ярми-ЯхӀун ду. 2- 1:2 ТӀаьххьарнаш 22:3–23:27; 2 Шерашкахь 34:8–35:19. Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира, яхӀудхойн паччахь Аминан кӀант Юши-ЯхӀу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волу кхойтталгӀа шо. 3- 1:3 а: ТӀаьххьарнаш 23:36–24:7; 2 Шерашкахь 36:5-8; б: ТӀаьххьарнаш 24:18–25:21; 2 Шерашкахь 36:11-21. Везачу Элан дош Ярми-ЯхӀуга иштта кхочура яхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхӀун кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла дечу цхьайтталгӀачу шеран пхоьалгӀачу батта тӀекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дӀадигира.
Везачу Эло Ярми-ЯхӀу тӀекхойкху
4 Соьга, Ярми-ЯхӀуга, Везачу Элан дош кхечира: 5 «Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра».
6 ТӀаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хӀинца а дукха жима ма ву».
7 Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дӀа мел хьажийначу метте гӀур ву хьо. Аса хьайна тӀедиллинарг дӀа а эр ду ахьа. 8 Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кӀелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.
9 Шен куьг дӀа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХӀинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. 10 Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла».
11 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?»
Аса жоп делира: «Суна бӀаьлланган га го».
12 Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бӀаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта».
13 Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхӀу, хӀун го хьуна?»
Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агӀор таьӀна болу».
14 Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тӀехъоьхур бу. 15 Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гӀанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахӀиттор ду. ГӀалин пенашна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашна а тӀелетар ду уьш. 16 Айса дӀахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тӀехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Ӏибадат дора цара. 17 Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. 18 Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. 19 Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кӀелхьар а воккхур ву».
2Дала Исраилан халкъана гӀайгӀабар
1 Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, Ярушалайман халкъе дӀахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло:
‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогӀу Суна,
хьо къона нускал долуш Со везара хьуна.
Хьо Суна тӀаьхьахӀоьттина догӀура яьссачу аренгахула –
тӀе хӀу тасаза долчу лаьтта тӀехула.
3 Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара,
дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара.
Иза мел кхоллург бехке хетара,
ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».
Исраилан халкъан дайша летийна къинош
4 Якъубан тӀаьхье а, Исраилан тӀаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме! 5 Везачу Эло иштта боху:
«ХӀун зулам гина шун дайшна Соьгара,
уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла,
хӀумма а йоцучу цӀушна суждане а оьхуш,
шайх а хӀумма а йоцург хилла царах.
6 Цара хӀунда ца хаьттина: „Мичахь ву
вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла?
Шена тӀехь гӀамарш а, Ӏаннаш а долчу,
ша екъа а, Ӏаьржачу бодане а долчу,
шена тӀехула цхьа а некъахо ца вогӀучу,
шена тӀехь цхьа а Ӏаш воцучу яьссачу аренгахула
схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хӀинца?“
7 Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра,
цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта.
Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира,
Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.
8 Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла,
ткъа Ӏелам нах а Со вовза лууш бацара.
Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера,
ткъа пайхамарша БаӀалан цӀарах хаамаш бора,
хӀумма а йоцучу цӀушна суждане оьхура.
9 Цундела Аса юха а шуна бехк тӀебуьллу, – боху Везачу Эло. –
Шун тӀаьхьенна а бехк тӀебуьллур бу Аса.
10 Даха а гӀой, Хитаман гӀайренаш тӀехь а хьовса,
иштта Къедар-гӀала стаг а вахийтий, цигахь а талла,
хӀоьттина цигахь шу долчохь долу хьал.
11 Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш,
церан метта кхин деланаш а лехна,
уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь?
Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дӀа а къаьстина,
хӀумма а йоцучу цӀушна тӀедирзина.
12 Тамаша бейша хӀокху хӀуманна, стигалш,
Ӏадаяй, инзарйовлийша!» – боху Везачу Эло. –
13 «Сан къомера ши зулам даьлла:
дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина,
цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гӀунаш яьхна».
Далла тешаме цахиларна хилларг
14 «Исраилан халкъ лай ду?
Я дуьнен чу долучу хенахь лай хилла ду?
Иза кхечарна ижу хилла дӀа хӀунда хӀоьттина?
15 Цунна гӀигӀ деш дӀахӀиттинчу къоначу лоьмаша,
ижу а яьккхина, гӀовгӀа йора.
Исраилан мохк бассийна цара.
ГӀаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина.
16 Нуп-гӀалин а, Тахьпанхьас-гӀалин а
бахархоша хьан хьеюкъ дӀаяьшна.
17 Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду.
Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара,
амма хьо Суна уллора дӀаделира.
18 Мисар-махка а даьхкина, Нил чуьра хи маларх
хӀун пайда хир бу хьуна?
Ашур-махка а даьхкина, Эпрат чуьра хи маларх
хӀун пайда хир бу хьуна?
19 Ахьа мел динчу воно хьуна таӀзар дийр ду,
хьан тешнабехке хиларо хьуна тӀехдеттар ду.
Ойла ехьа, хаа ду хьуна,
Везачу Элах хьо дӀакъаьстина хилар а,
Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а,
мел вон а, къаьхьа а ду иза». –
боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
Халкъ Везачу Элана Ӏибадат дарх къехкар
20 «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина,
тоххарехь хьан буржалш а хадийна.
Ахьа бохура: „Хьуна муьтӀахь хир вац со!“
Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тӀехь а,
хӀора луьста гаьннаш долчу диттана кӀелахь а,
кхахьпаллица кхечу деланашна Ӏибадат дора ахь.
21 Аса-Айса хьо юьйгӀира, тоьлла таьлланг санна,
ма тешаме кемсийн хӀу дара хьо!
Муха хилла хьох вон хьожа йогӀу
акха а, хийра а кемсийн таьлланг?
22 Хьуо дикка цӀандан гӀертахь а,
хьайна тӀе дуккха а саба хьекхахь а,
хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, –
боху Хьалдолчу Эло. –
23 Муха эр ду: „Со бех ца вира аса.
Со БаӀал-деланийн лорах ца лелла“?
ТогӀи чохь хьо леларе хьажал,
айхьа лелийначух дикка кхетал!
Хьо, аьрха стен эмкал санна,
хьайн некъаш дӀакхоьхьуш яра.
24 Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Ӏан Ӏемина йолу,
шен хьайна хиларехь мерӀуьргашца хӀаваъ муьйлуш йолу.
Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чӀогӀа лууш хилча?
Иза оьшуш мел йолчу виро ша кӀадъян ца еза –
оре еанчу хенахь иза атта карор ю.
25 Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта,
хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта,
кхечу деланашна тӀаьхьа а уьдуш.
Амма ахьа элира: „Са ма тийса!
Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза,
со царна тӀаьхьа лелар ду“».
Халкъана таӀзар дар догӀуш хилар
26 «Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьӀаьржачу хӀоьттина Исраилан тӀаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. 27 Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тӀулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хӀунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тӀебеача, цара бохур ду: „Тхо кӀелхьардахахьа!“
28 ТӀаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кӀелхьар, хӀунда аьлча хӀора хьайн гӀалин цӀарах цхьацца дела ву хьан, ЯхӀудан халкъ. 29 Шу Соьца стенна къийсало? Шу массо а Суна дуьхьал гӀевттина, – боху Везачу Эло. – 30 Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина».
31 Ва Исраилан тӀаьхье, тидам бе Везачу Элан дешнашка: «Яьсса аре я Ӏаьржачу боданан латта санна Исраилан халкъана вара Со ткъа? Иштта хӀунда боху Сан къомо: „Тхо кхерсташ ду, ткъа Хьо волчу юхадоьрзур дац!“? 32 Зудаберана шен жовхӀарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. 33 Ма дика хаьа хьуна, ЯхӀудан халкъ, безаргаш хьайна лаха. Уггар вон зударий а хьох Ӏама мега! 34 Хьан бедарийн юьхах хьакхаделла бехк боцучу къечу адамийн цӀий ду, къола дечохь ахь уьш ца лаьцнехь а.
И массо а къинош ахь летийнехь а, 35 боху ахьа: „Сан бехк бац. Дела суна оьгӀаз гӀур вац“. Ахьа „Сан бехк бац“ бахарна Аса кхел йийр ю хьуна. 36 ХӀунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ду, Ашур-махко ма-хӀоттора. 37 ЮьхьӀаьржачу а хӀоттийна, Мисар-махкара а хьо дӀагӀур ду. Хьо тешна Ӏаш берш Веза Эла волчу Аса дӀа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац».
3Исраилан халкъ тешаме цахилар
1 «Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. – 2 Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Ӏийна хьо, Ӏаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тӀелата дагахь ма-Ӏарра. ХӀара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. 3 Ахьа къинош летор бахьана долуш догӀанаш а севцинера, бӀаьста догӀу догӀа а цхьаьна. Амма тӀаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ.
4 ХӀинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву! 5 Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгӀазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!»
Далла тӀе юхадерза дезар
6- 3:6 ТӀаьххьарнаш 22:1–23:30; 2 Шерашкахь 34:1–35:27. Юши-ЯхӀу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхӀу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хӀора лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу дитта кӀелахь а. 7 Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тӀаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхӀудан халкъана гира. 8 Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дӀахердина. Амма Суна гира, и массо а хӀума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ а, дӀа а дахана, кхахьпа санна лелара. 9 Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушца лелаш. 10 Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ цӀеначу дагца Суна тӀе ца дирзира, цо Суна моттаргӀанаш лелайора, ша тӀедирзина моттуьйтуш», – боху Везачу Эло.
11 Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхӀудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо. 12 ДӀа а гӀой, къилбаседехьа хӀара Сан дешнаш дӀакхайкхаде, Ярми-ЯхӀу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхӀудан халкъ! – боху Везачу Эло. – Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, – боху Везачу Эло. – Со массо а хенахь шуна оьгӀазвахана а хир вац. 13 Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хӀунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хӀора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цӀушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугӀура“». Иштта боху Везачу Эло.
14 «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хӀора гӀалара цхьацца стаг а, иштта хӀора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тӀе дуьгур ду. 15 Аса шуна Сайна тешаме болу Ӏуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду. 16 Шун махкахь шу дебна а, даьржина а хиндолчу хенахь, – боху Везачу Эло – наха Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ хьахор дац, хӀунда аьлча Веза Эла Ша хир ву царна юкъахь. Иза цхьанна а дага а догӀур дац, цунах лаьцна цхьаммо а ойла йийр яц, цхьанна а иза оьшур а дац, ткъа иза цкъа а духадийр дац. 17 Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Ӏарш аьлла, цӀе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Ӏибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. 18 Цу деношкахь ЯхӀудан тӀаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тӀаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тӀе схьабогӀур бу».
Делан халкъо цӀушна Ӏамалъяр
19 Аса, Везачу Эло, элира:
«Суна шуьца Сайн кӀенташца санна хила лаьара.
Шуна дика латта дала лаьара суна –
кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу.
Суна моьттура аша Сайх Да а олуш,
шу кхин цкъа а Сох дӀадоьрзур дац.
20 Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна,
хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тӀаьхье».
Иштта боху Везачу Эло.
21 Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду:
Исраилан халкъо шайн цӀушка орца доккху,
шайн Дела волу Веза Эла виц а вина,
шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш.
22 Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дӀадирзинарш! Сайх дӀакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна.
Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дӀадогӀу, Хьо тхан Веза Дела волу дела. 23 Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагӀа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цӀушна корта а бетташ, йина гӀовгӀа. Исраилан халкъан кӀелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац. 24 Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаӀала дӀакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кӀентий а, зудабераш а. 25 Тхайн эхь тӀехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тӀехь хуьлийла, хӀунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугӀуш“».
41 Иштта боху Везачу Эло: «ТӀедерза хьайна лаахь, Суна тӀедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цӀу Суна хьалхара дӀаваккхал, кхидӀа ца тилаяйттал, 2 нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».
3- 4:3 ХӀушаӀ 10:12. Везачу Эло ЯхӀудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хӀу а ма де. 4 Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».
ЯхӀуд-махка чугӀортар
5 ЯхӀуд-махкахь массарна а дӀахаийта,
Ярушалаймехь массо а стаге дӀакхайкхаде:
«Коьман маӀа а лоькхуш, орца даккха!
Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дӀаала:
„Дерриш а цхьана метте схьагулло,
чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀагӀур ду вай“.
6 Байракхца хаам бе, Цийоне дӀагӀо алий!
Хье ца луш, кхерам боцучу дӀадовда,
хӀунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту
шу долчу хӀаллакьхилар а, боккха бохам а.
7 Лом шен боьлак чуьра арадаьлла,
халкъ хӀаллакдийриг шен некъ бан волавелла.
Цо шен хӀусам йитина,
шун латта дассорхьама.
Шун гӀаланаш хӀаллакйийр ю,
царна чохь адамаш а хир дац.
8 Шайна тӀе сингаттаман духар доха,
мохь бетташ, тийжарца делха,
хӀунда аьлча Везачу Элан дералла
ЯхӀудан халкъана тӀера дӀа ца йирзина».
9 «И бохам тӀекхаьчначу дийнахь, – боху Везачу Эло, – паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Ӏадийна хир бу».
10 ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хӀоттийнашехь?»
11 Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. 12 Ялта цӀандаллал тӀех чӀогӀа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХӀинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!»
ЯхӀуд-махкана гонах мостагӀий хилар
13 Ӏаьржа марха санна, тӀегӀерташ ву мостагӀа. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю.
Аса элира: «Маржа яӀ! Ма хӀаллакьхир ду вай!»
14 «Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш?
15 ЛадогӀа, хӀун боху Дан-гӀаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг. 16 Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дӀахаийта: генарчу махкара эскархой тӀегӀерташ бу, ЯхӀудан гӀаланашна тӀе тӀеман маьхьарий хьоькхур ду. 17 МостагӀаша Ярушалаймана го бийр бу, гӀаролхоша кха ма-ларддара, хӀунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гӀаьттина», – боху Везачу Эло.
18 «И бохам шуна тӀебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хӀара къаьхьа бала. И бала чӀогӀа шун дагах а кхетар бу».
Ярми-ЯхӀун тийжам
19 «Сан кийра! Богуш бу сан кийра!
Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь.
Вист ца хуьлуш ца Ӏало со,
хӀунда аьлча суна коьман маӀа хезна,
тӀеман маьхьарий суна ма хезна.
20 Цхьа бохам вукху бохамна тӀаьхьа богӀу.
Массо а мохк дамардарц хилла Ӏуьллуш бу.
ЦӀеххьана сан четарш хӀаллакдина,
цуьнан шаршуш бӀаьрганегӀар тохале йоьхна.
21 Дукха гур юй те суна тӀеман байракхаш,
дукха хезар дуй те коьман маӀан аьзнаш?»
22 Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду.
Цунна Со ца вевза.
Сонта бераш санна ма ду иза.
Сан халкъ кхетам боцуш ма ду.
Цуьнан вон дан говзалла кхочу,
амма дика дан цунна ца хаьа».
Бала тӀебаран сурт хӀоттар
23 Со лаьтте дӀахьаьжира:
иза даьсса а, кегарин а дара.
Со стигала хьалахьаьжира:
ткъа цуьнан нур дацара.
24 Лаьмнашка дӀахьаьжира со:
уьш дегош дара,
ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара.
25 Со гонах дӀасахьаьжча,
цигахь цхьа а адам дацара,
стигалара олхазарш а дӀадаханера.
26 Со дӀахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира,
ткъа цуьнан массо а гӀаланаш йохийна лаьттара,
Везачу Элан дераллин оьгӀазло бахьана долуш.
27 Везачу Эло элира: «Мохк хӀаллакьхир бу,
амма массо а хӀума хӀаллакдийр дац Аса.
28 Цундела латта гӀайгӀа еш хир ду,
стигал бодане хилла дӀахӀуттур ю,
хӀунда аьлча иза Аса аьлла а ду,
Аса чӀагӀдина а ду.
Цу хӀуманна Со дохко а ца ваьлла,
Айса аьллачунна тӀера а вер вац».
29 Шайна дошлойн а, секхаӀад кхоссархойн а гӀовгӀа хезча,
массо а гӀаланашкара нах дӀабовдур бу:
цхьаберш хьехаш чохь дӀаловчкъур бу,
вуьш терхеш тӀе хьалабевр бу.
Массо а гӀаланаш яссалур ю,
шайна чохь дийна адам а доцуш.
30 Яссийна хинйолу гӀала, хьо хӀун деш ю?
ЦӀен духарш хӀунда духу?
Дашо туьтеш хьайна тӀе хӀунда ухку?
БӀаьргашна басарш хӀунда хьоькху?
Хьо хазъяр эрна ду хьуна!
Хьан безаргаша хьо йитина,
хӀинца хьо ен гӀерташ бу уьш!
31 Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета.
И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду.
Иза Цийонан йоӀан+ 4:31 *Цийонан йоӀ *– иза Ярушалайм-гӀала ю.* аз санна ду.
Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина,
цо боху: «Маржа-яӀ! Сан са малделла
дӀадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!».
5Ярушалайман къа
1 Везачу Эло элира: «Даха а гӀой,
Ярушалайман урамашкахула а,
майданашкахула а лахийта
нийсо кхочушъеш волу,
Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг.
ТӀаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара.
2 Шаьш дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо яхь а,
цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш».
3 Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу!
Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра.
Ахьа царна таӀзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира.
Цара шайн яххьаш тӀулгал а чӀогӀа чӀагӀйина,
Хьуна тӀедерза царна ма ца лаьара.
4 Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега,
цаьргахь хьекъал дац.
Цундела царна Везачу Элан некъ а,
Дала тӀедиллинарг а ца девза.
5 Со халкъан баьччанаш болчу гӀур ву.
Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а,
шайна Дала тӀедиллинарг а“.
Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тӀера дӀадаьккхина,
шайн Цуьнца йолу массо а зӀенаш а хедийна.
6 Цундела хьуьнхара лом царна тӀе кхетар ду,
аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу,
цӀоькъаберг а церан гӀаланашна уллохь кӀелхуур ю,
царах араваьлларг ватӀорхьама,
цара лелийна зуламаш совдовларна а,
церан тешнабехк хилар доккха хиларна а».
7 «Муха вала веза Со хьуна къинтӀера, ЯхӀуд-мохк?
Массо а хьан бераш Сох дӀахерделла.
Уьш цӀушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь.
Аса царна мел оьшург латтийнера,
амма уьш ямартлонца лелара,
тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш.
8 Уьш юстийна йолу говраш санна бу,
шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу.
9 Иштта леларна Аса таӀзар дийр дац те? – боху Везачу Эло. –
И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те?
10 Хьала а гӀовтта, цуьнан кемсийн бошмашкахула
дӀа а гӀо, уьш йоха а еш.
Амма кхоччуш уьш йохо ца оьшу –
керла гаьннаш дӀа а даха, хӀунда аьлча уьш Везачу Элан дац.
11 Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаш
Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», –
боху Везачу Эло.
Везачу Эло Исраилан халкъ дӀататтар
12 Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хӀумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц. 13 Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гӀойла», – бохуш. 14 Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхӀу, Аса йогуш йолу цӀе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цӀеро уьш дӀакхоллур бу.
15 Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тӀелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. 16 Церан Ӏад-ботт схьадиллина долу каш санна ду, ткъа уьш шаьш чӀогӀа майра нах а бу. 17 Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.
18 Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хӀаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – 19 Нагахь санна хьайга хӀун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна аша гӀуллакх даре терра, хӀинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гӀуллакхаш дийр ду аша“».
Дала Шен халкъана дӀахьедар дар
20 Везачу Эло элира: «ДӀакхайкхаде и хӀума Якъубан тӀаьхьене а, иштта ЯхӀудан халкъе а: 21- 5:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10; Яхьазкхиал 12:2; Марк 8:18. „ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза. 22- 5:22 Аюб 38:8-11. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“. 23 Амма хӀара халкъ чӀогӀа аьрха халкъ ду. Уьш, дӀа а бирзина, дӀабахара. 24 Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. 25 Аша лелийначу зуламаша хӀара дика хӀуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дӀакъастийна.
26 Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цӀаьлгаш дӀахӀиттош бу, амма церан цӀаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду. 27 Олхазарш чохь долу цӀелиг санна, церан хӀусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, 28 церан догӀмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гӀуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо.
29 Цу бахьанина царна таӀзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хӀара санна долчу халкъана? 30 Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хӀума хилира: 31 пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хӀума деза. Амма хӀун дийр ду те аша, чаккхе тӀекхаьчча?»
6МостагӀаша Ярушалаймана го бар
1 Довда, шайн дахар кӀелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дӀагӀо Ярушалайм-гӀалара! ТакхоӀ-гӀалахь коьман маӀа лакха! ЦӀарца орца даккха Байт-КӀарам-гӀалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хӀаллакьхилар а тӀегӀерташ ду. 2 Дакъазайоккхур ю Аса хаза а, коча а йолу Цийонан йоӀ+ 6:2 *Цийонан йоӀ *– иза Ярушалайм-гӀала ю.*. 3 Шайн жашца Ӏуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогӀур бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дӀахӀиттор ду цара. Шена дӀаделла дакъа хӀораммо а дассор ду. 4 Цара эр ду: «ХьалагӀовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тӀамца цунна чугӀуртур ду вай». Амма тӀаккха эр ду: «Жолам! ХӀинца тӀаьхьа ду: суьйре тӀееана, суьйренан ӀиндагӀаш дахлуш ду. 5 ХьалагӀовтта, буьйсанна тӀе а летта, Ярушалайман гӀепаш йохор ю вай».
6 ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гӀалин пенна тӀеволийла кечъе. И гӀала таӀзар дан хьакъ долуш ю, иза гӀело ярх юьзна йолу дела. 7 Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь. 8 Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана».
Исраилан халкъ аьрха хилар
9 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ТӀаьххьара йисина йолу кемсаш санна схьалахьор ду Исраилан халкъан дисина долу адамаш. Кемсаш схьалахьош волчо ма-дарра, хьайн куьйгашца таьллангаш дикка талла».
10 Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тӀетаван веза аса, сайга ладогӀийта? Наха шайн лергаш дӀакъевлина, цундела царна хӀумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. 11 Амма со Везачу Элера йолчу оьгӀазлонах вуьзна ву, и оьгӀазло соьга сайна чохь ца сецало».
ТӀаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгӀазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тӀе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тӀе дӀаӀанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тӀе. 12 ТӀаккха церан цӀенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дӀалур бу. Аса Сайн куьг тӀедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таӀзар дархьама, – боху Везачу Эло. – 13 КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. 14- 6:14 Яхьазкхиал 13:10. Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. 15- 6:12-15 Ярми-ЯхӀу 8:10-12. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло.
Исраилан халкъо Делан некъ дӀататтар
16 Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна».
Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»
17 Везачу Эло элира: «Шуна тӀе гӀаролхой хӀиттийра Аса. Коьман маӀаца орца даккхаре ладогӀа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугӀур дац!“ – аьлла.
18 Ткъа хӀинца ладогӀал, къаьмнаш. Тешаш а хилий, хьовсал Аса Сайн къомана хӀун дийр ду. 19 ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира. 20 ХӀунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагӀанаш, иштта кхидолу шун сагӀанаш а Суна тамехь дац». 21 Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хӀиттор ю ЯхӀудан халкъана тӀе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кӀентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагӀий а хӀаллакьхир бу».
Къилбаседехьара махкана чугӀортар
22 Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам. 23 Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. ТӀамана кийча бу уьш. Церан Ӏалашо – хьуна тӀелатар ю, Цийонан йоӀ».
24 Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь. 25 Кхаш тӀе а ма гӀо, некъа тӀе а ма довла: мостагӀчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах. 26 Сан хьоме къам! ТӀеюха хьайна сингаттаман бедарш, тӀетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кӀентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦӀеххьана хӀаллакдийриг вайна тӀелетар ву».
27 Везачу Эло соьга элира: «Сайн къомана юккъехь дӀахӀоттийнера Аса хьо, Ярми-ЯхӀу, ахь Сайн къам, дети санна, зерхьама. Аса хьо гӀап санна вира, хьоьга Сайн къоман некъаш таллийта, уьш муха бу хьажийта. 28 Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цӀастанах а тера бу. 29 Левси+ 6:29 *Левси *– пхьалгӀи чохь алу марсайоккхуш мох туху гӀирс. *кховса: *левсино болх бар – «левси кховсу».* чӀогӀа кховсуш ю, дашца цхьаьна цӀаро детих йоллу боьхалла дӀаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хӀунда аьлча халкъ хӀинца а вонах цӀан ца делла. 30 Сан халкъана, юхатеттина долу дети аьлла, цӀе туьллур ю, хӀунда аьлча иза Везачу Эло юхатеттина».
7Ярми-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь кхайкхам бар
1 Везачу Эло Ярми-ЯхӀуга аьлла долу дешнаш иштта дара: 2 «Везачу Элан цӀийнан ков долчу дӀа а хӀоттий, хӀара хаам дӀакхайкхабе: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу дешнашка. ХӀокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхӀудан халкъан массара а ладогӀа. 3 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гӀуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. 4 Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цӀа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’
5 Амма шайн дахар а, гӀуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош, 6 тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь, 7 Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта.
8 Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Ӏаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь. 9 Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чӀагӀо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаӀална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. 10 Цул тӀаьхьа Сан цӀе лелош долчу цӀийнан керта тӀе а догӀий, Суна хьалха дӀахӀуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хӀуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? 11- 7:11 Маттай 21:13; Марк 11:17; Лака 19:46. Сан цӀе лелош долу хӀара цӀа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дӀахӀоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! – боху Везачу Эло. – 12- 7:12-14 ЮшаӀ 18:1; Забур 77:60; Ярми-ЯхӀу 26:6. Дуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. 13 И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. 14 Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а. 15 Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тӀаьхье юха-ма-таттара“».
Халкъо ла ца догӀар
16 «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, и къоман дуьхьа Соьга доӀанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хӀунда аьлча Суна хьан доӀа хезар дац. 17 Хьуна гуш дац цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг? 18- 7:18 Ярми-ЯхӀу 44:17-19. Бераша дечиг лахьадо, дайша цӀе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна+ 7:18 *Стигалан зуда-паччахьна *– иза ю Иштар цӀе йолу бавелхойн харцдела.* хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш охьадутту, Со оьгӀазвахийтархьама. 19 Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХӀан-хӀа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош». 20 Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгӀазло а, дералла а хӀокху меттигна тӀе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тӀе, иштта дитташна а, ялтина а тӀе. Сан дералла цӀе санна йогур ю, ткъа иза дӀаяйа стаг а хир вац».
21 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гӀой, Суна дийнаташ дагоран сагӀа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагӀанийн кхидолчу жижигна тӀедилла. Суна цунах хӀумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа! 22 Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагӀанех а, вукху сагӀанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. 23 Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. 24 Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгӀира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тӀе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агӀор а ерзийна. 25 Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. 26 Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра.
27 Ярми-ЯхӀу, ахьа и хӀума цаьрга дӀадийцахь а, цара хьоьга ладугӀур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац. 28 Цундела ахьа ала деза: „ХӀара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугӀуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“».
ЦӀий Ӏенийна йолу тогӀи
29 «Боьлхуш хила, оцу къоман нах!
Шайн месаш, дӀа а ларгий, дӀакхисса.
Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе,
хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара къам дӀатеттина,
Ша оьгӀазвахийтина долу къам долчуьра Иза дӀавахана.
30 Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш. 31- 7:31 а: ТӀаьххьарнаш 23:10; Ярми-ЯхӀу 32:35; б: Ӏамалъяр 18:21. Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 32 Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц. 33 Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац. 34- 7:34 Ярми-ЯхӀу 16:9; 25:10; Довзийтинарг 18:23. Аса сацор ду ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хӀунда аьлча хӀара латта дассийна лаьтташ хир ду».
81 «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьӀахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьӀахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю. 2 Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю. 3 Аса уьш мичча а дӀалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Ӏожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Къинош а, таӀзар а
4 «Ярми-ЯхӀу, халкъе Везачу Эло боху алий дӀаала: „Стаг охьакхетча, иза юха хьала ца гӀотту те? Стаг харцновкъа ваьллехь, иза юха ца воьрзу те? 5 ТӀаккха хӀара халкъ Сох хӀунда дӀадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хӀунда хуьлу? Ӏехорна тӀаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка. 6 Аса леррина ладоьгӀна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХӀун дина Аса?’ Уьш тӀамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу. 7 Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дӀадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чӀегӀардигна а, гӀаргӀулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тӀедиллинарг. 8 Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хӀунда аьлча шун Ӏеламчу наха товрат-хьехам талхабора. 9 Шун хьекъалчаш юьхьӀаьржачу а хӀуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал? 10 Цундела Аса церан зударий кхечарна дӀалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дӀа. КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. 11- 8:11 Яхьазкхиал 13:10. Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. 12- 8:10-12 Ярми-ЯхӀу 6:12-15. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло.
13 «Аса массо а хӀума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тӀехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тӀехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тӀера гӀаш а маргӀалдулур ду. Аса царна мел делла долу хӀума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло.
14 «Вай кхузахь хӀунда Ӏа? ХьалагӀовтта, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Ӏожаллин кхел хадийна вайна. Цо дӀаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш. 15 Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга. 16 Дан-гӀала йолчуьра мостагӀийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогӀуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гӀала а, цунна чохь вехаш мел верг а хӀаллаквархьама».
17 «Аса шуна тӀе лаьхьанаш санна болу мостагӀий хоьцур бу. Уьш дӀасацо йиш йоцучу дӀаьвшечу лаьхьанех тера бу, ткъа цара шуна це тухур ю», – боху Везачу Эло.
Ярми-ЯхӀуна шен халкъах къахетар
18 Маца хир бу те сан дагна хьаам?
Ма гӀайгӀане ду-кх сан дог!
19 ЛадогӀахь гӀо доьхуш долчу сан къоме.
Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те?
Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?»
Амма Везачу Эло боху: «ХӀунда вахийтина те цара Со оьгӀаза,
шайн хӀумма а йоцу харцделанаш а, цӀуш а бахьана долуш?»
20 Наха боху: «Ялта а чуэцна,
аьхке а чекхъяьлла,
амма вай кӀелхьар ца даьхна».
21 Холчохь ду сан халкъ,
цундела хала ду суна а.
ЧӀогӀа гӀайгӀане ву со,
сан даг чу кхерам боьссина.
22 ГалӀадехь хьакхар-молха дац те?
Цигахь лоьраш бац те?
Сан хьоме къам
хӀунда ца тоделла те цаьрга?
91 Сан коьртах хин хьоста хилла делара,
сан бӀаьргех хин шовда хилла делара!
Дийнахь а, буса а воьлхур вара со,
сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.
2 Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг
сан долахь хилла елара.
Сайн къам дуьтур дара аса,
сайн халкъ долчуьра со дӀагӀур вара,
уьш массо а тешаме боцу дела –
ямартчу нехан тоба ю уьш!
3 «Церан мотт, Ӏад санна, аьшпашна буьйлина бу.
Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш.
Цхьана вочу хӀуманна тӀаьхьа важа вониг до цара,
амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло.
4 «Ларлуш хила шайн доттагӀех,
шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша,
хӀунда аьлча хӀора гергарчо Ӏехаво,
ткъа хӀора доттагӀчо эладита даржадо.
5 ХӀораммо а шен доттагӀа лево,
цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу.
Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина.
Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало.
ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо.
Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво.
Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка+ 9:5 *Грекийн гочдар тӀехь: *Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Къинош а летош, цара шаьш кӀадбо. Хьо Ӏехорна юкъахь Ӏаш ву. Ткъа шаьш Ӏеха а деш, цара Со къобал ца во.*», –
боху Везачу Эло.
7 Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху:
«ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ,
Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам.
Кхин хӀун далур ду те Соьга царна,
Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?
8 Церан меттанаш Ӏожаллин пхерчий санна ду,
цаьрца нах Ӏехабо цара.
Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу,
амма шайн даг чохь ямартло латтайо.
9 Аса таӀзар дийр дац те царна и хӀума бахьана долуш? –
боху Везачу Эло. –
Сан даго бекхам бийр бац те
цунах терра долчу къомана?»
10 Лаьмнашна ас белхар хӀоттор ду,
яьссачу аренгахь долчу дежийлашна
тийжар хӀоттор ду ас.
Цхьана а стага цаьргахула некъ
ца баккхарна, уьш дассийна ду.
Бажа Ӏоьхуш цигахь ца хеза,
стигалара олхазарш цигара дӀадахара,
бежанаш цигара дӀадахара.
11 «Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм,
ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. –
ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю,
цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».
12 Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре?
13 Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира – Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара. 14 Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». 15 Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду. 16 Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».
Ярушалаймера наха орца даккхар
17 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло:
«ЛадогӀа, тийжаран зударий схьакхайкха,
царах уггар говзанаш схьакхайкха,
уьш кхуза схьабахкийтархьама».
18 Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина,
цаьрга вайна тӀаьхьа тийжар хӀоттадайта,
вайн бӀаьргийн негӀарийн чоьш тӀера бӀаьрхиш охьаэхийта,
юьхь тӀера хин тачанаш охьаэхийта».
19 Цийонна тӀехь тийжам хеза:
«Вай баккъалла а хӀаллакьхилла,
вай баккъалла а юьхьӀаьржачу хӀиттина.
Вайн мохк бита безаш ду вай,
вайн цӀенош дохийна дӀадаьхна».
20 ЛадогӀа, зударий, Везачу Элан даше.
Цуьнан багара схьадевлла долу хӀара дешнаш шуна дӀахозийла:
«Шайн зудабераш маьхьаршца делха Ӏамаде.
ХӀара тезетан тийжам вовшашна Ӏамабе:
21 „Ӏожалла еана схьакхаьчна,
иза вайн корашкахула чуеана,
вайн гӀепашна чоьхьаяьлла.
Иза урамновкъара вайн бераш а,
майданашкара вайн кегий нах а
хӀаллакбан гӀерташ ю“».
22 Ала: «Иштта боху Везачу Эло:
„Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна,
байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш.
Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа
Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна,
Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий.
Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».
23 Иштта боху Везачу Эло:
«Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча,
шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а,
ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза.
24- 9:24 1 Коринтхошка 1:31; 2 Коринтхошка 10:17. Амма дозалла дан лууш волчо
Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла.
Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу
Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла.
И хӀуманаш ду Суна чӀогӀа тамехь дерш», –
боху Везачу Эло.
25 «Варелаш, хан тӀейогӀур ю, – боху Везачу Эло, – шайн догӀмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таӀзар ден йолу. 26 Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».
10Дела а, цӀуш а
1 ЛадогӀа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга. 2 Иштта боху Везачу Эло:
«Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела,
стигаларчу билгалонех а ма кхера,
кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Ӏадийна делахь а.
3 Царна юкъахь лелаш долу динан Ӏадат эрна ду:
хьуьнхахь дитт схьа а хададой,
пхьеро агарца цунах кеп йоккху,
4 Цунна тӀе дети а, деши а дуьллий,
хьостамашца дӀатуху,
охьа ца дожийта.
5 И цӀуш кха тӀе дӀахӀиттош йолу мунданаш санна ю.
Уьш бист а ца хилало,
уьш карахь дӀасалелайо,
шаьш уьш лела ца ло дела.
Царах кхера ца оьшу,
хӀунда аьлча цаьрга вон далур дац,
амма цаьргара диканиг а дер дац».
6 Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а!
Хьо сийлахь-воккха ву,
Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!
7- 10:7 Довзийтинарг 15:4. Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна
мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь?
Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду!
Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь
я церан массо а паччахьашна юкъахь
Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
8 Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу.
Церан хьекъалалла эрна ду,
дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.
9 Дуткъадина дети Таршашара деъна,
ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла.
И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а,
дешин пхьеран куьйгаша а.
Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду.
Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.
10 Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац.
Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву.
Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу,
Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.
11 (Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)
Дела хаставаран йиш
12 Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина,
Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина,
Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
13 Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо.
Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо.
ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш до,
Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
14 ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву.
ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво.
Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац,
церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
15 Церан цхьа а тайпана мах бац,
уьш беламна йина ю.
Кхел ечу хенахь
уьш тӀепаза йовр ю.
16 Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац,
хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву,
ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду.
Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Схьакхочуш долу хӀаллакьхилар
17 Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу! 18 Везачу Эло боху: «ХӀокху лаьтта тӀера лаьллина дӀа а дахийтина, Аса хӀара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».
19 Ярушалайм-гӀалано боху:
«Ма бала бу соьгахь, хӀара лазарна!
И сан чов дукха хала ю.
Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц,
со цунах толур ю“.
20 Сан четар хӀаллакдина,
массо а цуьнан тӀергаш дӀаяьхна.
Сан бахархой со йолчуьра дӀабахана,
уьш кхузахь кхин бац.
Четар дӀахӀоттош суна гӀо дан стаг а вац,
иштта четаран шаршуш дӀатоха стаг а вац».
21 Вайн Ӏуйшкахь кхетам кӀезиг бу –
уьш Везачу Элах дага ца бовлу.
Цундела царна тӀера беркат дӀадирзина,
церан массо а жа дӀасадаьржина.
22 ЛадогӀа хӀокху схьайогӀучу гӀовгӀане!
Мохк бегош санна йолу гӀовгӀа
къилбаседерчу махкара схьакхочу!
Цуьнан эскаро ЯхӀудан гӀаланех яьсса аре йийр ю,
царах чангӀалкхийн баннаш хир ду.
23 Суна хаьа, Веза Эла,
адаман карахь доцийла цуьнан дахар,
цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.
24 Нисвехьа со, Веза Эла,
амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа.
ОьгӀаз а вахана, суна таӀзар ма дехьа,
сох хӀумма а воцург ца хилийтархьама.
25 Хьайн дералла охьаӀанаехьа
Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тӀе,
Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тӀе.
Цара Якъубан тӀаьхье дӀакхаьллира,
цаста а цестина, и къам дӀа а кхаьллина,
иза Ӏаш болу мохк бассийна цара.
11Барт бохор
1 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам хӀара бу: 2 «Аса бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀий, уьш ЯхӀудан халкъе а, Ярушалаймехь бехаш болчаьрга а дӀаала. 3 Цаьрга дӀаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хӀокху бертан тӀедожоршка ла ца доьгӀначу хӀора стагана неӀалт хир ду. 4 Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. 5 ТӀаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чӀагӀо кхочушйийр яра Аса – Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тӀехь шу хӀинца дехаш ду“».
Ткъа аса жоп делира: « Амин, Веза Эла!»
6 Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хӀара Сан дешнаш ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дӀакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀа, уьш кхочуш а де. 7 Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хӀара де тӀекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дӀахьедар дора: ‘ЛадогӀа Соьга’, – бохуш. 8 Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тӀедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хӀокху бертан таӀзарш царна тӀехьажийра“».
9 Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхӀуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна. 10 Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. 11 Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кӀелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. 12 ТӀаккха ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а бехаш берш шаьш хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагочу деланашка кхойкхур бу, амма бохам баьккхича, хӀокхаьрга цхьана а тайпана кӀелхьарбахалур бац уьш. 13 Хьайн гӀаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхӀудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйина ахь“. 14 Ярми-ЯхӀу, оцу нехан дуьхьа доӀанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хӀумма а ма деха, хӀунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дӀахезар дац».
15 Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хӀун бакъо ю церан, Сан цӀенна юххехь хила? Суна сагӀина лерина долу жижиг а цара шайна дӀадоккху. Делахь а, Аса царна таӀзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан! 16 Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац.
17 И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгӀна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тӀе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаӀална сагӀанаш а дохуш, цара Со оьгӀазвахийтина».
Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бартбар
18 Везачу Эло суна схьадиллира цхьаболчу вочу нахана дагадеънарг, суна иза хаийтархьама. 19 Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Ӏахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хӀаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тӀера иза дӀаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цӀе кхин ца яккхийта».
20 Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла.
21 ТӀаккха Веза Эла со вен гӀерташ болчу Ӏанатот-гӀаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цӀарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». 22 Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таӀзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кӀентий а, зудабераш а мацалла лийр ду. 23 Аса бохам бийр бу Ӏанатот-гӀаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац».
12Ярми-ЯхӀус Деле арз до
1 Веза Эла, аса гӀуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь,
Хьо массо а хенахь бакъ ву.
Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна:
Ӏесачеран аьтто хӀунда боккху церан некъашкахь?
Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хӀунда хуьлу?
2 Ахь доьгӀна долчу диттех тера бу уьш.
Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло.
Хьо массо а хенахь церан багахь ву,
амма церан дегнаш Хьуна гена ду.
3 Ткъа со Хьуна вевзаш ву.
Хьуна со гуш ву, Веза Эла,
сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна.
Дайа дезаш долу уьстагӀий санна, дӀакхехьа уьш!
Байаран де тӀекхаччалц дӀакъастабехьа уьш!
4 Мел ханна хир ду хӀара латта дакъийна,
мел ханна хир ю хӀора кха тӀехь буц якъаелла?
Цигахь Ӏаш болчеран Ӏесалла бахьана долуш,
олхазарш а, акхарой а хӀаллакьхуьлуш ю.
Цу тӀе а наха боху:
«Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю».
5 Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхӀу, гӀаш болчаьрца хьодуш а хьо кӀадвелла хилча,
говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо?
Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча,
Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хӀун дийр ду ахьа?
6 Ур-атталла хьан гергарчара, –
хьан ден цӀийнах болчара, –
ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла.
Цара хьуна дуьхьал мохь бетта.
Ма теша царах,
уьш хьайга эсала бистхилахь а».
Везачу Элан Шен халкъ бахьана долуш сингаттаме хилар
7 «Аса Со чохь Ӏаш долу къам дитина,
Сайн долахь долу халкъ дӀатеттина.
Сайна уггар дукха дезаш дерг
церан мостагӀийн кара дӀаделла.
8 Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла.
Хьуьнхахь долчу лоьмо санна,
цо Суна дуьхьал гӀигӀ до.
Цундела Суна иза ца деза.
9 Сан къам акхачу олхазарх тарделла,
гонах ломъаьрзунаша дӀасаийзош долчу.
ДӀа а гӀой, аренан акхарой схьагулъе!
Схьаялае уьш, иза дӀакхаллархьама.
10 Дуккха а болчу Ӏуйша Сан кемсийн беш хӀаллакйина,
Сан долахь дерг когашца хьийшина.
Сан хьоме латта цара
яьсса аре йина дӀахӀоттийна.
11 И латта цара доха ма дина,
хӀинца иза дакъийна а, дассийна а ду.
Берриг мохк а яьсса аре ю,
цунна дола дан стаг а вац.
12 Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула
мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама.
Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу,
мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц.
Цхьа а машарехь Ӏаш вац.
13 Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна.
Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна.
Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо,
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».
Исраилхойн лулахошна Везачу Эло дина долу ваӀда
14 Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю. 15 Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду. 16 Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу. 17 Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», – боху Везачу Эло.
13Дуткъачу кӀадих дина доьхка
1 ХӀара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГӀой, хьайна дуткъачу кӀадих дина доьхка эца, хьайн гӀодаюкъах дӀа а дехкий, иза хих ларде». 2 Везачу Эло ма-аллара, доьхка а эцна, иза сайна дӀадихкира аса. 3 ШолгӀа а Везачу Элан дош кхечира соьга: 4 «Хьайн гӀодаюккъехь долу айхьа эцна долу доьхка схьа а эций, Эпрат-хин йисте гӀо. Цигахь тархашна юккъехь болчу кӀогана чохь къайладаккха». 5 Аса Эпрат-хи тӀе а вахана, Везачу Эло ма-аллара, сайн доьхка къайладаьккхира.
6 ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца». 7 Аса, Эпрат-хи тӀе а вахана, сайн доьхка схьа а лехна, хьалха иза къайладаьккхинчу меттигера схьадаьккхира. Амма и доьхка лелон йиш йолуш дацара – иза телхина дӀадаьллера.
8 ТӀаккха соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 9 «Веза Эла волчу Аса иштта боху: Оццу тайпана Аса йохор ю ЯхӀудан куралла а, Ярушалайман йоккха куралла а. 10 ХӀара вон халкъ Сан дешнашка ладогӀарх дӀакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тӀаьхьахӀутту, царна Ӏамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хӀокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хӀуманна пайденна боцуш бина дӀахӀиттор бу. 11 Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».
ЧагӀаран кхабанаш
12 «Ярми-ЯхӀу, халкъе дӀаала: „Исраилан Везачу Дала боху: ‘ХӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила еза’. Ткъа цара хьоьга эр ду: ‘Тхуна ца хаьа те хӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила езийла?’“ 13 ТӀаккха ахьа цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса ваххал чагӀарца вузор ву хӀора кху лаьтта тӀехь вехаш волу стаг – Даудан тӀаьхьенах болу паччахьаш а, динан дай а, пайхамарш а, иштта Ярушалаймехь вехаш мел волу стаг а. 14 Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кӀентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».
Ярми-ЯхӀус кураллех лаьцна аьлларг
15 Ла а догӀий, тергам бе!
Кура ма хила, хӀунда аьлча
вистхуьлуш верг Веза Эла ву.
16 Шайн Везачу Делан сий де,
Цо бода тӀебаийтале,
маьркӀажехь долчу гунаш тӀехь
шайн когаш тийсабалале.
Аша серлоне сатуьйсу,
амма Цо цунах Ӏаьржа бода бийр бу.
17 Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь,
со къайла а ваьлла, воьлхур ву,
шун куралла бахьана долуш.
Сан белхар къаьхьа хир ду,
Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу,
Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.
18 Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. 19 НегӀаб олучу яьссачу арара йолу гӀаланаш дӀакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхӀудан дерриг а къам йийсаре дӀадуьгуш ду».
20 Хьажал Ярушалайм, хьайн бӀаьргаш дӀахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагӀий тӀебогӀуш бу! Ӏалашдан хьоьга дӀаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагӀий мичахь ду? 21 ХӀун эр ду ахьа, ахьа айхьа Ӏамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тӀехь хьаькамалла дан дӀахӀиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна? 22 Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХӀунда беана суна тӀе хӀара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттӀа ю, когаш берзина а бу. 23 Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цӀоькъе дӀадахалур дуй шена тӀера томмагӀаш? Иштта вонаш дан Ӏемина долчу шуьга далур дуй дика хӀума? 24 Везачу Эло боху: «Аса дӀасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дӀасаяржош йолу кегаш санна. 25 Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, – боху Везачу Эло, – Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Ӏаш хиларна. 26 Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта. 27 Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тӀехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цӀушна Ӏамалъяр. Ма бала богӀур бу хьуна тӀе, Ярушалайм. Ма кестта цӀанъелла дӀахӀуттур яц хьо».
14Йокъа а, харцпайхамарш а
1 ХӀара дош Везачу Элера Ярми-ЯхӀуга йокъа бахьана долуш кхечира:
2 «ЯхӀуд-мохк боьлхуш бу,
цуьнан гӀаланаш маргӀалъюлу.
Церан нах, тийжаш, Ӏохкуш бу,
Ярушалаймера орца ду доккхуш.
3 Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту.
Уьш гӀунаш тӀе бахча,
царна хи ца карадо.
Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу.
Дог а доьхна, юьхьӀаьржачу а хӀиттина,
цара шайн кортош къайладоху.
4 ДогӀа ца дарна,
латта лилхина.
латталелорхой дог доьхна лаьтта,
цара кортош тӀе хӀума туьллу.
5 Ур-атталла арахь болчу сено а,
ша йина йолу кӀорни юьту,
цунна яла буц йоцу дела.
6 Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ,
чангӀалкхаша санна, шайн мерех хӀаваъ чууьйзуш.
Церан бӀаьргаш кхоьлина бу,
яа буц цахилар бахьана долуш».
7 Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а,
ва Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа гӀо дехьа тхуна.
Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла.
Хьуна дуьхьал къинош летийна оха.
8 Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта,
Хьо бохамах тхо кӀелхьардохург ву.
Ткъа хӀунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна,
буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна?
9 ХӀунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна?
Хьо цхьа а кӀелхьарваккха ницкъ боцучу
тӀемалочух тера ву.
Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву,
Хьан цӀе тхуна тӀехь лаьтташ ю.
Ма дитахьа тхо Хьайгара гӀо доцуш!
10 ХӀара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тӀе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таӀзар дийр ду».
11 Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доӀанаш ма де. 12 Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».
13 ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагӀийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хӀокху лаьтта тӀехь“».
14 ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу. 15 Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. 16 Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.
17 ХӀара Сан дош цаьрга дӀакхачаде:
„Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш,
Сан бӀаьргаш хих бузийла, хӀунда аьлча
Сан хьомечу къомана чов йина
Сан йоӀстаг йолчунна боккха бохам баьлла.
18 Аренга Со араваьлча,
туьро хӀаллакбинарш го Суна,
гӀала Со чувеача,
мацалло кӀелбитинарш а го.
Пайхамарш а, динан дай а бу
лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».
Везачу Эле до дехар
19 Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ?
Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах?
Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш,
ма дац-кх царна дан дарба.
Оха барт хиларе сатийсинера,
амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу,
тхаьш тодаларе сатийсинера,
амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.
20 Веза Эла, оха мукӀарло до
тхаьш лелийначу Ӏесачу гӀуллакхашна а,
тхайн дайша летийначу къиношна а.
Хьуна дуьхьал оха къа латийна.
21 Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дӀа,
Хьайн сийлаллин Ӏарш сийсаз ма яккхахьа.
Тхоьца Ахьа бина болу барт
дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.
22 Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу.
Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта.
И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела!
Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо,
хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.
15ЯхӀудан халкъана тӀебогӀу бохам
1- 15:1 а: Арадаккхар 32:11-14; Лелар 14:13-19; б: Шамъал 7:5-9. Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхӀудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДӀалахкахьа Со волчуьра и нах, дӀабахийтахьа уьш. 2- 15:2 Довзийтинарг 13:10. Цара „Тхо стенга гӀур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТӀаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло:
‘Ӏожаллина леринарг
Ӏожаллина гӀур ву,
туьро вен леринарг
туьрана гӀур ву,
мацаллех вала леринарг
мацаллина гӀур ву,
ткъа йийсаре вигийта леринарг
йийсаре гӀур ву.
3 Деа тайпана таӀзар дийр ду Аса царна, – боху Везачу Эло, – уьш байъийта тур а, церан декъий дӀасаийзадайта жӀаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта. 4- 15:4 ТӀаьххьарнаш 21:1-16; 2 Шерашкахь 33:1-9. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дӀахӀоттор ю Аса Ярушалайм, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун кӀанта Маннаша динарг бахьана долуш.
5 Цхьаммо а хьох къинхетам бийр бац, Ярушалайм,
цхьа а стаг, дог доьхна, воьлхур вац,
я хьоьгахь хӀун хьал ду аьлла, хоттур а дац.
6 Со вити ахь, Ярушалайм, –
боху Везачу Эло, –
ткъа ахьа Суна букъ берзий.
Цундела Аса таӀзар дийр ду хьуна,
хьо хӀаллак а йийр ю.
Со кӀадвелла къинхетамаш бан.
7 КӀа мохехь цӀандаре терра, Аса уьш
оцу мехкан массо а гӀаланашкара аракхуьссур бу.
Сан къоман бераш дӀа а даьхна,
Аса уьш хӀаллакбийр ма бу,
шайн харцачу новкъах уьш дӀа ца бирзина дела.
8 ХӀордан йистерачу гӀамарал а
дукха хир бу бисина болу зударий.
Делкъахенахь хӀаллакдийриг вохуьйтур ву Аса
церан къонахойн наношна дуьхьал.
ЦӀеххьана тосур бу Аса
царна тӀе кхерам а, къемат а.
9 ВорхӀ кӀант винарг ю са ийзош Ӏуьллуш.
Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна,
ткъа иза юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, Ӏуьллуш ю.
МостагӀийн таррашка Аса хӀаллакбойтур бу
цунах дийна бисинарш’, – боху Везачу Эло“».
Ярми-ЯхӀу юха а Везачу Эле вистхилар
10 Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву. 11 Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Ӏалашонна билггал паргӀатвоккхур ву. Бохам тӀе а беана, бала тӀехӀоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагӀашка хьоьга дехарш дойтур ду. 12 Эчиге я йоьзе дохалур дуй те къилбаседехьара долу эчиг?
13 ЯхӀудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду. 14 Аса уьш, мостагӀийн лолле дӀа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дӀабохуьйтур бу. Сан дералло цӀе латор ю, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхоллур бу».
15 Веза Эла, Хьо сох кхеташ ма ву. Дагаваийтахьа Хьайна со, гӀо дехьа. Сан дуьхьа бекхам бехьа сан мостагӀашна. Цара со веллал чӀогӀа собаре ма хила цаьрца. Хьуна хууш ма ду, со Хьан дуьхьа хьийзош вуйла! 16 Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дӀадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хӀунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела! 17 Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кӀелахь а Ӏаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргӀадвийларх Ахь вуьзира со. 18 ХӀунда бу те хӀара лазам хедар боцу, хӀунда ца йоьрзу те сан чов дӀа? Веза Эла, Хьо соьца Ӏехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Ӏовраш санна хир ву?
19 Везачу Эло элира: «Нагахь санна хьо Суна тӀе юхаверзахь, Аса юхаметтахӀоттор ву хьо, кхидӀа а хьоьга Сайна хьалха гӀуллакх дайтархьама. Нагахь санна ахь дуьйцург мехала делахь, нагахь санна иза эрна дацахь, хьо кхин а Сан туркх хир ву. И нах хьуна тӀе оьхуш хир бу, амма хьо царна тӀе ваха ца веза. 20 Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргӀатваккха а, кӀелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – 21 Аса кӀелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргӀатвер ву хьо къизачу нехан карара а».
16Ярми-ЯхӀун дахарна болу Делан лаам
1 Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кӀентий а, зудабераш а хӀокху махкахь. 3 Иштта боху Веза Эла волчу Аса хӀокху махкахь бина болчу кӀентех а, йоӀарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна: 4 И нах Ӏожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дӀа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тӀехь, кхо санна, Ӏохкуш хир ду. И нах мостагӀийн тарраша а, мацалло а хӀаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
5 Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гӀолахь, цигахь кадам а ма белахь, хӀунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. 6 Махкахь цӀе яхана болу нах а, къен нах а хӀокху лаьтта тӀехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дӀа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. 7 Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хӀума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.
8 Иштта церан тойне а ма гӀолахь, цаьрца дууш, молуш сакъерархьама». 9- 16:9 Ярми-ЯхӀу 7:34; 25:10; Довзийтинарг 18:23. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».
10 «Ярми-ЯхӀу, ахьа яхӀудхошка хӀара дӀадийцича, цара хьайга: „ХӀунда хӀоттийна тхоьга Везачу Эло хӀара боккха бала, тхоьгара хӀун даьлла, Везачу Элана хьалха хӀун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь, 11 ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дӀаяханчу заманашкахь шун дай Сох дӀаберзар бахьана долуш хилла, – боху Везачу Эло. – Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дӀа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора. 12 Амма аша шайн дайшачул а чӀогӀа дукха къинош летийна. Шух хӀорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугӀу аша. 13 Цундела Аса шу, кху лаьтта тӀера дӀа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дӀадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Ӏамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».
Йийсарера юхадерзар
14 «Делахь а, кестта тӀекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу. 15 Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тӀе юхаберзор бу Аса уьш».
Хиндолу таӀзар
16 «Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта. 17 Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хӀума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бӀаьргаш хьалха лаьтташ ду. 18 Уьш юхаметтахӀоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догӀург шозза дӀалур ду Аса оцу нахана, хӀунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цӀушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».
Ярми-ЯхӀус дина доӀа
19 Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дӀалечкъийла а! Хьо волчу догӀур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьӀӀера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Ӏамал еш а хилла. Амма цу цӀуша царна цхьа а тайпана гӀо ца дина. 20 Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!»
21 «Цундела Аса и нах Ӏамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гӀора а. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!»
17ЯхӀудхоша латийна къа а, цунна догӀу таӀзар а
1 Везачу Эло боху: «ЯхӀудан халкъан къа аьчка уьрсаца дӀаяздина ду тӀулгах динчу нехан дегнашна тӀехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш тӀехь. 2 Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а, 3 лаьмнаш тӀехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду. 4 Аса шу, мостагӀийн лолле дӀа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дӀадохуьйтур ду, хӀунда аьлча аша Сан оьгӀазаллин цӀе самаяьккхина. И цӀе массо а ханна йогур йолуш ю».
Нахах тешар а, Делах тешар а
5 Иштта боху Везачу Эло:
«НеӀалт хир ду, кхечу стагах а тешаш,
цунах шена гӀортор а йина,
шен дог Везачу Элана уллора
дӀадаьккхина лелаш волчунна.
6 Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву.
Диканиг хилча а, цунна иза гур дац.
Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а,
адамаш ца дехачу лаьттахь а Ӏийр ву иза.
7 Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а,
шен тӀетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.
8- 17:8 Забур 1:3. И стаг, хин татол долчохь дӀадоьгӀна долчу,
шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву.
Цунна ца хаало йовхо тӀееача.
Цуьнан гӀа баьццара лаьтта.
Иза йокъанах а ца кхоьру,
шена тӀе стом ца латош а ца хуьлу.
9 Мекара ду адаман дог,
чӀогӀа телхина а ду иза.
Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.
10- 17:10 а: Довзийтинарг 2:23; б: Забур 61:13. Амма Веза Эла волу Со
цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву,
цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву,
цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».
11 Моша кхечу олхазарша дина долчу
хӀоаш тӀе тевна даккха охьахоу.
Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг.
Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву,
шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.
12 Далла лерина долу оха дина деза цӀа
дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Ӏарш санна ду.
13 Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю.
Хьо витинарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
Хьох дӀабевллачеран цӀераш эхарте дӀаязйина ю,
хӀунда аьлча шайна цӀеначу хин хьоста
хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.
Ярми-ЯхӀун доӀа
14 Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. 15 Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»
16 Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара+ 17:16 *Грекийн гочдар тӀехь: *Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Хьох дӀа а ваьлла, Со Хьан Ӏу хиллачуьра сихвелла вацара.*, бохаман де тӀекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дӀадиллина ма ду. 17 Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тӀетовжийла ма ю. 18 ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.
Далла лерина шоьтан де ларарх лаьцна
19 Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гӀой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дӀахӀотта, яхӀудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа. 20 Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, ЯхӀуд-махкара дерриг халкъ а, гӀалин кевнийн неӀаршкахула чу мел богӀу Ярушалайман бахархой а! 21- 17:21 Нахьми-ЯхӀу 13:15-22. Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоӀучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. 22- 17:22 Арадаккхар 20:8-10; Карлабаьккхинарг 5:12-14. Иштта шайн хӀусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тӀе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. 23 Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгӀира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогӀа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.
24 Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, – боху Везачу Эло, – хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь, 25 тӀаккха кху гӀалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тӀаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гӀудалкхаш тӀехь а, говрашна тӀехь а богӀур бу, ЯхӀудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю. 26 ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашкара а, Ярушалайм-гӀалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхӀуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагӀанаш, кӀен сагӀанаш, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн сагӀанаш, баркаллин сагӀанаш Делан цӀа долчу схьадахьар ду. 27 Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».
18Ярми-ЯхӀу куьпчичун цӀахь
1 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан хӀара дош кхечира: 2 «Куьпчи волчу цӀа гӀо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга». 3 Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тӀехь болх беш вара. 4 Цо еш йолу поппаран пхьегӀа йоьхна дӀаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегӀа йира оцу поппарх.
5 ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга: 6 «Исраилан тӀаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? – боху Везачу Эло. – Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тӀаьхье. 7 Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дӀа а яьккхина, йоха а йина, хӀаллакйина хир ю аьлла, Аса дӀахьедар дахь, 8 амма и къам ша лелийначу вонах дӀадерзахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. 9 Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахӀоттар а деш, орамашца иза дӀадогӀа деза аьлла, Аса дӀахьедар дахь, 10 амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догӀахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац. 11 Цундела дӀаала ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хӀуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. 12 Амма халкъо эр ду: „Цу хӀумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХӀора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».
Наха Веза Эла дӀататтар
13 Цундела иштта боху Везачу Эло:
«Кхечу халкъашна юкъахь хаттал,
цкъа а хезний царна кхунах тера долу хӀума дуьйцуш?
Инзаре ирча хӀума дина
йоӀстаг санна долчу Исраилан халкъо.
14 Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те?
Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш?
15 Сан халкъана-м Со вицвелла.
Эрначу цӀушна сагӀанаш доху цара.
Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш
шаьш дӀакхоьхьуш долчу некъаш тӀехь.
Шайн дайн ширачу некъаш тӀера дӀабевлла уьш,
нийса доцучу паначу некъаш тӀе бовлархьама.
16 Сан халкъан мохк бассийна хир бу,
гуттаренна а цунах кхаьрдар бу.
Махка тӀехула лелаш мел верг,
инзар а ваьлла, корта лестош хир ву.
17 Малхбалехьарчу мохо санна,
дӀасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагӀашна хьалха.
Царна бохам тӀекхаьчначу дийнахь,
Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».
Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бартбар
18 ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».
19 ЛадогӀахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагӀаша бохург дӀахазахьа. 20 Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тӀера дӀаяккхийтархьама. 21 Цундела хӀоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Ӏойла уьш. ХӀаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тӀамехь туьраца байийла. 22 Тийжарш хезийла церан цӀенош чуьра, Ахьа цӀеххьана уьш болчу мостагӀий балийча, хӀунда аьлча цара суна кӀело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна. 23 Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гӀерташ бу. Цара летийна къинош дӀа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгӀазвахханчохь дехьа царна таӀзар.
19Йохийна кхаба
1 Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца. 2- 19:2 ТӀаьххьарнаш 23:10; Ярми-ЯхӀу 7:30-32; 32:34, 35. Йоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца. 3 Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду. 4 Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара. 5- 19:5 Ӏамалъяр 18:21. Гунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 6 Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю. 7 Оцу меттехь Аса ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагӀийн туьре хӀаллакбойтур бу, уьш байъа гӀерташ болчеран кара Аса уьш дӀалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дӀахӀуттур ду. 8 Аса йохийна дӀайоккхур ю хӀара гӀала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. 9 МостагӀийн ардангаша, нах байа а гӀерташ, го бийр бу гӀалина. ГӀалахь мацалла а хӀоьттина, нах чӀогӀа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а буур бу“.
10 Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй, 11 цаьрга дӀаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХӀара къам а, хӀара гӀала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дӀабухкур бу, кхечу меттехь уьш дӀабохка меттиг ца хиларна. 12 И хӀума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, – боху Везачу Эло. – ХӀара гӀала Тупатах тарйина дӀахӀоттор ю Аса. 13 Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а – шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».
14 Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхӀу юхавирзича, иза, Делан цӀийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира: 15 «Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хӀокху гӀалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогӀа а ца лиира“».
20Ярми-ЯхӀу а, Пашихьур а
1 Динан да а, Везачу Элан цӀийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кӀанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхӀус Делера болу и хаамаш беш хезча, 2 Ярми-ЯхӀу-пайхамарна еттийтира. ТӀаккха цо, Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира. 3- 20:3 Забур 30:14. Амма шолгӀачу дийнахь, буржалш дӀа а даьхна, Пашихьура иза дӀахийцира. Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цӀе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат+ 20:3 *Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе «Магур-Масибуба» хилира, амма оцу цӀеран маьӀна «Массанхьа а долу къемат» ду.* аьлла тиллина. 4 ХӀунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагӀашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагӀчун туьро хӀаллакбийр бу, и хӀума хьан бӀаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхӀудан халкъ Бавелан паччахьан кара дӀалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дӀабуьгур бу, кхиберш хӀаллакбийр бу. 5 Кху гӀалин массо а бахам церан мостагӀийн кара дӀалур бу Аса. Къахьегарца гӀалин халкъо мел гулдинарг а, гӀалин массо а еза хӀуманаш а, яхӀудхойн паччахьийн хазна а мостагӀийн кара дӀалур ю Аса. Цара и массо а хӀума хӀонс санна Бавеле дӀахьур ю. 6 Хьо а, Пашихьур, хьан цӀахь мел верг а йийсаре вуьгур ву. Бавеле дӀавигначул тӀаьхьа хьо лийр ву, цигахь хьо а, хьан массо а доттагӀий а, ахьа шайна харцахьа пайхамаралла дина болу, дӀабухкур бу“».
Пайхамаран латкъам
7 Веза Эла, Ахьа со Хьайна тӀеозийна,
ткъа со Хьох Ӏехавелла.
Хьо сол ницкъ болуш ву,
Ахьа со эшийна.
Со массарна а хьалха белам хилла,
нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.
8 Со вист мосазза хуьлу,
Аса, мохь а бетташ, кхойкху:
«Къизалла а, хӀаллакьхилар а хир ду».
Везачу Элера болу и хаам ас барна,
наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.
9 ТӀаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла,
бийр бац аса Цуьнан цӀарах хаамаш».
Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цӀе санна, догура,
сан даьӀахкашкахь дӀахьулйина цӀе санна, иза летара.
Со хӀоьттинера иза сайгахь сецо гӀерташ,
соьга иза кхин сеца а ца лора.
10 Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна:
«Массанхьа а вайна къемат ду!
Вай иза емалван ма веза!»
Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш,
сан массо а доттагӀаша боху:
«Иза Ӏехо мегар ву.
ТӀаккха иза эшор ву вай,
цунна бекхам а бийр бу».
11 Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тӀемало санна ву.
Цундела сан мостагӀийн ког тасалур бу,
цаьрга со эшалур а вац.
Церан Ӏалашо кхочушхир яц,
уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
Церан эхь цкъа а дицдийр дац,
иза абаденналц лаьттар ду.
12 Массо а ницкъийн Веза Эла!
Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву,
нехан даг чохь дерг Хьуна дика го.
Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна,
сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.
13 Лекхийша эшарш Везачу Элана!
Хастамаш бейша Везачу Элана!
Цуьнга бен ваккхалур вац мисканиг
зуламечу стеган карара.
14- 20:14-18 Аюб 3:1-19. Сардам буллу аса со винчу денна!
Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де!
15 НеӀалт хуьлда: «Хьуна кӀант вина!» аьлла,
кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана.
16 Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу
гӀаланашна хилларг хуьлийла цу стагана.
Хезийла цунна Ӏуьйранна орца даккхар,
ткъа делкъахенахь тӀеман маьхьарий,
17 сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна,
сан нана суна каш хилла ца йитарна,
со дуьнен чу ца волуш ца витарна!
18 ХӀунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара?
Деган Ӏийжамаш, бохамаш бен суна гина хӀумма а ма дац!
Ткъа сан дахар юьхьӀаьржачу хӀоттарца чекхдер ду.
21Ярушалайм эшор хиларх лаьцна аьлларг
1 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус и волчу Малки-ЯхӀун кӀант Пашихьур а, иштта МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а хӀара хабар эцна вахийтинчу хенахь: 2- 21:2 ТӀаьххьарнаш 25:1-11; 2 Шерашкахь 36:17-21. «Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хӀунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тӀом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Ӏаламат дан там бу, Набухди-Нецар+ 21:2 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Набухди-Рецар. *Иза Набухди-Нецар-паччахьан кхин цӀе ю.* тхуна дуьхьал ваьллачуьра дӀа а волуьйтуш».
3 ТӀаккха Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «ЦӀадукъ-ЯхӀуга иштта дӀаала: 4 „Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тӀемалой гӀалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца+ 21:4 *Хашадхошца *– уьш Бавел-гӀалина къилбехьа болчу махкахь Ӏаш хилла, ткъа Набухди-Нецар царах схьаваьлла. Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар тӀехь бавелхошна юх-юха хашадхой олуш ду.* а хӀинца гӀалин пенашна арахула тӀом беш бу. Амма Аса и тӀемалой гӀалин юккъе юхаберзор бу. 5 Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тӀом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, чӀогӀачу моханца а. 6 Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна – адамашна а, бежанашна а. Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш. 7 Цул тӀаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гӀалара Ӏожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кӀелхьардаьлла долу халкъ а дӀалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагӀашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хӀаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“.
8 Цу халкъе кхин а дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХӀинца Аса шуна дахарна тӀебоьду некъ а, Ӏожаллина тӀебоьду некъ а дӀакховдабо. 9 ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хӀаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гӀалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кӀелхьардаьккхина хир ду. 10 Аса сацам бина хӀокху гӀалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гӀала бавелхойн паччахьан кара дӀалур ю, ткъа цо иза цӀергахь ягор ю’“».
ЯхӀудхойн паччахьан цӀенна лерина йолу кхел
11 ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло суна тӀедиллира иштта дӀаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогӀа! 12 Даудан тӀаьхье! Везачу Эло иштта боху: хӀора дийнахь кхел е, гӀело хуьлуш верг цуьнан мостагӀчух кӀелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цӀе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгӀазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дӀаяйалур йоцучу тайпана. 13 ТогӀин яхархо йолу Ярушалайм-гӀала, тӀапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, – боху Везачу Эло. – Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дӀалечкъийла цхьаммо а дӀалоцур яц“. 14 Аша динчу гӀуллакхе хьаьжжина таӀзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цӀахь цӀе латор ю, цо гонах мел долу хӀума дагор ду».
22ЯхӀудхойн паччахьан цӀенна Ярми-ЯхӀус бина хаам
1 Везачу Эло иштта боху: «ЯхӀудхойн паччахьан цӀа а гӀой, цигахь хӀара дешнаш дӀаала: 2 „Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волу яхӀудхойн паччахь, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хӀокху кевнехула дӀасалелаш долчу хьан халкъо а ладогӀа! 3 Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гӀело йинарг гӀело еш волчух ларве, тӀевеаначу стагана гӀело ма е, иза дӀа а ма тетта, бай а, бисина Ӏаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цӀий а ма Ӏанаде хӀокху меттехь. 4 Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах болу паччахьаш хӀокху паччахьан цӀенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гӀудалкхашна а, говрашна а тӀе а хийшина, кхузахула чубогӀур бу. 5- 22:5 Маттай 23:28; Лака 13:35. Амма хӀокху дешнашка аша ла ца догӀахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хӀара цӀа Аса дассор ма ду’“».
6 ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалӀад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гӀаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох. 7 Аса шуна шу хӀаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хӀораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цӀерга кхуьссур ду.
8 Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хӀокху гӀалина уллохула тӀехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХӀунда дина те Везачу Эло хӀокху тайпана гӀуллакх хӀокху йоккхачу гӀалина?“ 9 Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дӀа а теттина, кхечу деланашна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, уьш лелла дела“».
Шалумах лаьцна болу Делера хаам
10 Веллачу паччахьах белхар а ма хӀиттаде,
иза дӀакхалхарх тийжарш а ма хӀиттаде.
ХӀетте а, даггара тийжа цуьнан кӀантана,
хӀинца йийсаре дӀавуьгуш волчу,
иза кхин цкъа а цӀа ца верзарна а,
ша вина мохк цунна кхин ца гарна а.
11- 22:11 ТӀаьххьарнаш 23:31-34; 2 Шерашкахь 36:1-4. Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах Шалумах+ 22:11 *Шалум *– цуьнан кхин цӀе «Юахьаз» ю.* (шен да волчу Юши-ЯхӀул тӀаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дӀавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац. 12 Иза мисархоша ша дӀавигначу меттехь лийр а ву, цунна хӀара мохк кхин гур а бац».
ЯхӀу-Якхамах болу Делера хаам
13 Декъаза ву шен паччахьан цӀенош хьарамлонца дийриг,
цӀенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг,
шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург,
цара бинчу балхана алапа ца лург.
14 Цо боху: «Аса сайна доккха цӀа дийр ду,
шена чохь паргӀат чоьнаш а йолуш».
Цо даккхий кораш а доху,
пенаш баганан дечигца кечдо,
царна цӀен басар а хьокху.
15 Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича,
хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна?
Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара,
амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора,
ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура.
16 Къен а, миска а волчун гӀуллакх
цо нийсонца къастадора.
Цундела иза дика вехаш вара.
Иза дац те Со вовзар? –
боху Везачу Эло. –
17 Амма хьан бӀаьргаш а, дог а
харцахьа хьайна са яккха а,
бехк боцучеран цӀий Ӏано а,
нахана гӀело а, ницкъ бан а
бен тӀедерзийна дац.
18- 22:18 ТӀаьххьарнаш 23:36–24:6; 2 Шерашкахь 36:5-7. Цундела Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах ЯхӀу-Якхамах лаьцна иштта боху:
«Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац:
„Маржа-яӀ сан ваша! Маржа-яӀ сан йиша!“
Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац:
„Маржа-яӀ сан олахо! Маржа-яӀ сан паччахь!“
19 Хьо, вир дӀа-ма-йоллара, дӀавуллур ву,
хьан дакъа, Ярушалайман кевнал
ара а даьккхина, охьакхуссур ду».
Ярушалаймах лаьцна Делера болу хаам
20 «Ливанунан лаьмнаш тӀе а валий, мохь тоха!
Башан-махкахь мохь а бетта, Ярушалайман халкъ,
Ӏабариман лаьмнаш тӀера хьан аз а айде.
хӀунда аьлча массо а хьан бартхой эшийна бу.
21 Хьо сашортехь бехачу хенахь,
Ас хьоьга дӀахьедира,
амма ахьа ладугӀур дац элира.
Хьо къона долчу хенахь дуьйна а
ахьа ла ца дугӀура Аса бохучуьнга.
22 Хьан массо а баьчча мохо дӀахьур ву,
ткъа хьан бартхой йийсаре буьгур бу.
ТӀаккха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ву,
айхьа мел лелийна зуламаш бахьана долуш.
23 Ливанунерчу дечигах йинчу гӀалахь вехаш волу хьо,
баганан диттан дечигах динчу цӀеношкахь Ӏаш волу хьо,
ма узарш дийр ду ахь, хьайна бохам тӀебеача,
берах хьийзо зудчун лазарш санна хир бу иза!»
ЯхӀу-Яхинна йо Делан кхел
24- 22:24 ТӀаьххьарнаш 24:8-15; 2 Шерашкахь 36:9, 10. «Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант ЯхӀу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пӀелгара мухӀар хилча а, Аса хьо цу тӀера схьа а ваьккхина, 25 хьан са лоьхуш болчеран кара а дӀалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дӀалур ву. 26 Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. 27 Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац».
28 ЯхӀу-Яхин цӀе йолу хӀара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХӀунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дӀа?
29 Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху,
Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!
30 Иштта боху Везачу Эло:
«ДӀаязде цу стагах лаьцна,
тӀаьхье йоцуш волчу стагах санна,
шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна,
хӀунда аьлча цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а,
Дауд-паччахьан цӀийнах ша хиларна,
ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дийр ду».
23Хиндолчух сатийсар
1 «Декъаза бу, Сан уьстагӀий хӀаллак а деш, дӀаса а лоьхкуш лелаш болу Ӏуй», – боху Везачу Эло. 2 Цундела Шен къомана тӀехь Ӏуналла дан дезаш болчу Ӏуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагӀий дӀасалаьхкина, аша царна Ӏуналла а ца дина. Цундела Аса таӀзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – 3 Аса уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тӀаьхье стам а лур ю. 4 Аса цунна тӀехь дола дийр долу Ӏуй дӀахӀиттор бу. ТӀаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло.
5- 23:5, 6 Ярми-ЯхӀу 33:14-16. «ТӀекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зӀийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. 6 Цо олалла дечу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Ӏийр ду. Цуьнан цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.
7 Иштта, тӀекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу. 8 Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тӀехь дехар ду».
Харцпайхамарех лаьцна Делера болу хаам
9 ХӀара дешнаш пайхамарех лаьцна ду.
Сан дог кийрара схьаэккха доллуш ду,
сан даьӀахкаш егош ю,
со чагӀаро вахийна волу стаг санна ву,
Веза Эла а, Цуьнан деза дешнаш а бахьана долуш.
10 Далла тешаме боцучарах мохк буьзна.
Церан дахар вочунна тӀедирзина ду,
цара харцонца нахана шайн ницкъ бо.
Везачу Элан неӀалт хилар бахьана долуш,
латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу
дежийлаш якъаелла Ӏохкуш ю.
11 «Пайхамарш а, динан дай а Ӏеса бу, – боху Везачу Эло, –
ур-атталла Сайн цӀа чохь а церан Ӏесалла хааелла Суна.
12 Цундела церан некъ царна хир бу,
боданехь нах шоьршуьйтуш болу.
ДӀа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу.
Царна таӀзар дечу деношкахь
Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, –
боху Везачу Эло. –
13 Шамранан пайхамаршна юкъахь
иштта дегаза хӀума гина Суна:
цара БаӀалан цӀарах хаамаш бо.
Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара.
14- 23:14 Доладалар 18:20; Яхьазкхиал 16:49. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь
иштта ирча хӀума гина Суна:
ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо.
Зуламхошна цара гӀо дар бахьанехь,
цхьа а шен Ӏесаллех дӀа ца воьрзу.
Суна хьалха уьш берриш а Седам-гӀалин бахархой санна бу,
ткъа Ярушалаймера нах Суна Ӏамор-гӀалин бахархой санна бу».
15 ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна:
«Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга,
дӀаьвше хи а молуьйтур ду,
хӀунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тӀера
массо а лаьтта тӀехь Ӏесалла яьржина».
16 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. 17 Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богӀур бац“».
18 Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгӀна, Цо бохург дӀахезнарг? 19 Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю. 20 Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду.
21 Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хӀумма а ца дийцира, амма цара Сан цӀарах хаамаш бина. 22 Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дӀакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тӀера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гӀуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара.
23 Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? – боху Везачу Эло. – Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву! 24 ДӀалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – 25 Суна хезна Сан цӀарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гӀенах гина, суна гӀенах гина“. 26 Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш? 27 Вовшашка дуьйцучу гӀенаша Сан халкъе Сан цӀе йицйойтур ю моьтту царна, БаӀал бахьана долуш церан дайшна Сан цӀе йицъелла ма-хиллара. 28 ГӀан гина волчу пайхамаро, шена гӀенах гинарг гӀан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дӀадийца деза. Кегаш цӀена кӀа ма дац! – боху Везачу Эло. – 29 Соьгара болу хаам цӀе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. 30 Иза иштта хилча, – боху Везачу Эло, – вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. 31 Иштта, – боху Везачу Эло, – шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со. 32 Харцонех дуьзна гӀенаш дӀадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, – боху Везачу Эло. – ГӀенаш дӀа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Ӏехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», – боху Везачу Эло.
Везачу Элера болу мохь
33 «ХӀокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хӀун бу?“ аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхӀу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, – боху Везачу Эло. – 34 Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цӀенна а таӀзар дийр ду. 35 Цундела вовшашка а, вашас веше а иштта ала: „ХӀун жоп делира Везачу Эло?“, я „ХӀун элира Везачу Эло?“ 36 Ткъа „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хӀунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша. 37 Ахьа иштта хатта деза пайхамаре: „Муха жоп делира Везачу Эло?“ я „ХӀун элира Везачу Эло?“ 38 Амма аша „Везачу Элера болу мохь бу сан“ алахь, Везачу Эло иштта боху: Аса шуна „Везачу Элера болу мохь бу сан“ ала дихкинера, амма аша, Соьга ла а ца дугӀуш, и дешнаш даладо. 39 Цундела беза мохь санна долу шу Аса, хьала а айина, дӀакхуьссур ма ду. Шу а, шун дайшна Аса дӀаелла гӀала а Аса Сайна уллора дӀатоттур ю. 40 Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьӀаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тӀейоуьйтур ю шуна».
24Инжираш чохь йолу ши тускар
1- 24:1 ТӀаьххьарнаш 24:12-16; 2 Шерашкахь 36:10. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хӀоттийра, Шен цӀенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу яхӀудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка йийсаре вигначул тӀаьхьа.) 2 Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра. 3 ТӀаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?»
Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чӀогӀа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю».
4 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 5 «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХӀара дика инжираш санна, мостагӀаша кхузара дӀадигна долу а, Айса хашадхойн махка дӀадаийтина долу а ЯхӀудан халкъ дика хетар ду Суна. 6 Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хӀокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хӀиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дӀабугӀур а бу, орамашца схьабохур а бац. 7 Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дӀадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хӀунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.
8 Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хӀокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кӀелхьарбаьхначаьрца а. 9 Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хӀума дийр ду. Аса уьш дӀалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цӀераш а йохуш, неӀалташ кхайкхадойтур ду. 10 Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тӀехь уьш хӀаллакьхилла дӀабовллалц».
25Къилбаседехьара болчу мостагӀех лаьцна Делера болу хаам
1- 25:1 ТӀаьххьарнаш 24:1; 2 Шерашкахь 36:5-7; Даниал 1:1, 2. ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь Везачу Элера ЯхӀудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дӀахӀоьттина хьалхара шо дара.) 2 И хаам пайхамар волчу Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийра ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а дерриге а халкъе. 3 «ЯхӀудхойн паччахьо Аминан кӀант Юши-ЯхӀус паччахьалла до кхойтталгӀачу шарахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дӀакхайкхабора, амма аша ла ца дугӀура Соьга. 4 Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора. 5 Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хӀорра а дӀаверзалаш, тӀаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тӀехь абаденналц даха таро хир ю шун. 6 Кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитта, царна Ӏамал ярхьама а, Ӏибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгӀаз. ТӀаккха Аса зен дийр дац шуна“. 7 Амма аша Соьга ла ца дуьйгӀира, – боху Везачу Эло. – Шайн куьйгаша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгӀаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора.
8 Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аша Сан хаамашка ла ца доьгӀна дела, 9 Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хӀокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хӀаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. 10- 25:10 а: Ярми-ЯхӀу 7:34; 16:9; б: Довзийтинарг 18:22, 23. Аса дӀадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дӀайойур ю. 11- 25:11 2 Шерашкахь 36:21; Ярми-ЯхӀу 29:10; Даниал 9:2. Дерриг а хӀара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дӀахӀуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. 12 Кхузткъе итт шо дӀадаьллачул тӀаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таӀзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. 13 Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийна болу а, оцу тептар тӀехь дӀаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана. 14 Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гӀуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггӀург дӀа а лур ду“».
Халкъашна тӀехь хилла Везачу Элан кхел
15 Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хӀара оьгӀазаллин чагӀар чохь долу кад дӀа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. 16 Уьш, цу чуьра дӀамеллачул тӀаьхьа, дӀаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хӀунда аьлча царна гур ду Аса шайна тӀедерзор долу тур».
17 Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тӀевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. 18 Аса Ярушалайм-гӀалане а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цӀераш а ялош, неӀалт алийта. Нах хӀинццалц а иштта лела.
19 Аса иштта цу кеда чуьра малийтира:
Мисар-махкара паччахь волчу пирӀуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а, 20 цигарчу эделла долчу халкъашка а;
ӀуцӀа-махкарчу массо а паччахьашка а;
пӀелаштамхойн гӀаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гӀалин а, Ӏази-гӀалин а, Ӏекхран-гӀалин а, иштта Ашдод-гӀалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а;
21 Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Ӏаммин-мехкан а бахархошка;
22 Цора-гӀалара а, ЦӀадан-гӀалара а болчу паччахьашка;
хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка;
23 Даддан-гӀалане а, Тейма-гӀалане а, Буз-гӀалане а;
шайн гиччош тӀера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а;
24 Ӏаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а;
яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а;
25 Зимарера а, Ӏейламера а, Мадайгара а паччахьашка а;
26 къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тӀекӀел а.
Аса дуьнен тӀехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгӀазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу+ 25:26 *Шейшак *– иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу Бавел-мехкан кхин цӀе ю.* паччахьо а мер бу тӀаьххьара и кад.
27 ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгӀазаллин кедара дӀа а молуш, даха а дехаш, схьаӀеттаде, тӀаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гӀитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. 28 Нагахь санна уьш, хьан карара дӀа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хӀуъа хилахь а, дӀамер бу и кад!“ 29 Со Сайн цӀе лелош йолчу гӀалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тӀехь мел болчу нахана таӀзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
30 Ярми-ЯхӀу, цаьрга дӀаала:
„Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гӀигӀ дийр ду.
Цо Шен дезачу цӀа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду.
ЧӀогӀачу озаца Цо гӀигӀ дийр ду Шен махкана дуьхьал.
Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш,
чагӀар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо
дуьнен тӀехь бехаш болчу массо а нахе.
31 И гӀовгӀа дуьненан массо а йистошка дӀакхочу,
хӀунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду.
Цо массо а нах кхеле озор бу,
ткъа Ӏесанаш Цо туьре дӀалур бу“, –
боху Везачу Эло».
32 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тӀера вукху халкъана тӀе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара. 33 Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Ӏохкуш хир ду Везачу Эло хӀаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дӀабухкур бац. Уьш лаьтта тӀехь Ӏохкуш хир бу, кхо санна.
34 Ткъа шу, церан Ӏуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГӀайгӀанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тӀекхаьчна. Кегйина еза пхьегӀа санна, шу дӀасакхиссина а, охьаэгна а Ӏохкуш хир ду. 35 Ӏушна кӀелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дӀаловчкъа меттиг хир яц. 36 Ӏуша орца даккхаре ладогӀа! Жен куьйгалхойн белхаре ладогӀа! Уьш иштта боьлху, Веза Эла церан дежийла хӀаллакьеш волу дела. 37 Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю. 38 Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гӀело йинчун тур а, Цуьнан чӀогӀа дералла а бахьана долуш».
26Ярми-ЯхӀу кхеле валар
1- 26:1 ТӀаьххьарнаш 23:36–24:6; 2 Шерашкахь 36:5-7. ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира. 2 Цо элира: «Везачу Элан цӀийнан керта дӀа а хӀоттий, Цуьнан цӀенна уллохь Далла Ӏибадат дан баьхкина болчу а, ЯхӀуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила. 3 Шайга бохучуьнга ла а доьгӀна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тӀера дӀаберза мегара уьш. ТӀаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара.
4 Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогӀа деза! 5 Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугӀура. ХӀинца церан дешнашка аша ладогӀа деза! 6- 26:6 ЮшаӀ 18:1; Забур 77:60; Ярми-ЯхӀу 7:12-14. Шу иштта ца лелахь, тӀаккха Аса хӀокху Сан дезачу цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду. ТӀаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хӀокху гӀалин цӀе яккхарца неӀалташ бохур ду“».
7 Динан дай а, пайхамарш а, массо а халкъ а ладугӀуш дара Ярми-ЯхӀус хӀара дешнаш Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀакхайкхочу хенахь. 8 Ярми-ЯхӀус Везачу Эло шега дӀаала аьлларг дерриге а халкъе дӀаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! 9 ХӀунда бо ахьа Везачу Элан цӀарах хаамаш, хӀокху Везачу Элан цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду, хӀара Ярушалайм-гӀала йохийна а, яссийна а дӀахӀоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀахӀоьттира, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал а даьлла.
10 Иза шайна дӀахезча, яхӀудхойн тхьамданаш, паччахьан цӀа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цӀа долчу баьхкира. Везачу Элан цӀийнан керта тӀе вогӀучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дӀалецира цара. 11 ТӀаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХӀокху стагана вен кхел ян догӀуш ду, хӀунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гӀалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!»
12 Массо а тхьамданашка а, дерриг а халкъе а Ярми-ЯхӀус элира: «Везачу Эло ваийтина со хӀокху цӀийнах а, хӀокху гӀаланах а лаьцна шуна мел хезна хаамаш бан. 13 Нисде шайн некъаш а, шайн гӀуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогӀа. ТӀаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара. 14 Ткъа со шун карахь ву. Шайна дика а, нийса а хеташ дерг де суна. 15 Амма аша со вехь, шу цхьана хӀуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цӀий шайх а, хӀокху гӀаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хӀунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дӀахазийта».
16 ТӀаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХӀара стаг вен кхел ян вогӀуш вац, хӀунда аьлча цо вайн Везачу Делан цӀарах къамел дина тхоьца».
17 Масех къано, хьала а гӀаьттина, вистхилира дерриге а халкъан гуламе: 18- 26:18 Мика-ЯхӀу 3:12. «Муршатахо волу Мика-ЯхӀу пайхамар хилла яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхӀудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло:
‘Цийон-лам, кха санна, охур бу,
Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю,
Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю’.
19 ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀус а, ЯхӀудан халкъо а вийрий Мика-ЯхӀу? Хьузакх-ЯхӀу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“».
20 (ХӀокху гӀалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цӀарах, Ярми-ЯхӀус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯӀариман вахархо волу ШамӀа-ЯхӀун кӀант УръяхӀу вара. 21 ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тӀеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дӀахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хӀума шена хиъча, УръяхӀу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дӀавахара. 22 Амма ЯхӀу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина, 23 цигара УръяхӀу схьавалавайтира. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.)
24 Амма Шапанин кӀант Ахьикхам Ярми-ЯхӀуна тӀехӀоьттира, цундела иза халкъан кара дӀа ца велира, цаьрга ца вейтархьама.
27Ярми-ЯхӀун кочара дукъ
1- 27:1 ТӀаьххьарнаш 24:18-20; 2 Шерашкахь 36:11-13. ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам+ 27:1 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ЯхӀу-Якхам. *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *ЦӀадукъ-ЯхӀу.* паччахь хилла дӀахӀоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хӀара хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга. 2 Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхӀу, цӀоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тӀедилла. 3 И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Ӏамминарчу а, Цора-гӀаларчу а, ЦӀаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу гархьама баьхкинчу векалшкахула дӀадахьийта. 4 ХӀара дешнаш цу паччахьашка дӀаалар цу векалшна тӀедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дӀаала: 5 ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тӀера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дӀало. 6 Ткъа хӀинца Аса хӀара массо а хӀума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀало. Аса аренан акхарой а цунна гӀуллакх дан дӀало. 7 Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кӀантана а, цуьнан кӀентан кӀантана а гӀуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тӀекхаччалц. ТӀаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтӀахь бийр бу.
8 Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таӀош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хӀаллакдайтталц. 9 Ла ма догӀа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гӀенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтӀахь хила ца деза›. 10 Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тӀера гена дӀалахкийтархьама. Аса шу дӀалохкур дара, ткъа шу хӀаллакьхир дара. 11 Бавелан паччахьан дукъ тӀе а эцна, цунна гӀуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тӀехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тӀехь гӀуллакх а деш, цу тӀехь дехар ду’, – боху Везачу Эло“».
12 И хаам а аса ЯхӀудан паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀакхачийра. Аса элира: «ОхьатаӀае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гӀуллакх а деш саца – дийна дуьсур ду шу. 13 ХӀунда хуьлуш ду хӀаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтӀахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду. 14 Ла ма дийгӀийша шайга: „Бавелан паччахьан кара шу гӀур дац“, – бохуш болчу пайхамаршка. Цара шуна бо хаамаш харц бу. 15 Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цӀарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дӀалохкур а ду, ткъа шу хӀаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а».
16 Динан дайшка а, дерриг халкъе а аса элира: «Иштта боху Везачу Эло: „‘Везачу Элан цӀа чуьра дӀаяьхьна йолу пхьегӀаш кестта Бавел-махкара юхаерзор ю’, – бохуш болчу шайн пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шуна харцхаамаш бо. 17 Цаьрга ла а ца дугӀуш, Бавелан паччахьна муьтӀахь хила, тӀаккха шу дийна дуьсур ду. ХӀара гӀала, къапалг а йина, хӀунда хӀаллакйина яра? 18 Нагахь санна уьш пайхамарш а белахь, цаьргахь Сан дош а делахь, цара массо а ницкъийн Везачу Эле шайн доӀанашца деха деза Везачу Элан цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалаймехь а йисина йолу еза пхьегӀаш Бавеле дӀа ма яхьийта аьлла“».
19 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цӀестан бӀогӀамех а, цӀестан хӀордах а, цӀестан кӀелхӀотторгех а, иштта хӀокху гӀалахь йисначу кхийолчу хӀуманех лаьцна. 20 (Уьш Набухди-Нецара ша яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а цӀеяхана болу массо а нах Бавеле дӀабуьгучу хенахь цига дӀа ца яьхьнера.) 21 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалайм-гӀалахь а йисначу хӀуманех лаьцна иштта боху: 22 «Уьш Бавеле дӀахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тӀекхаччалц уьш цу гӀалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тӀаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
28Ярми-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀу а
1- 28:1 ТӀаьххьарнаш 24:18-20; 2 Шерашкахь 36:11-13. Оццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира: 2 «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ. 3 Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш. 4 ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, – боху Везачу Эло. – Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“».
5 ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира. 6 Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш! 7 Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга. 8 Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла. 9 Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц».
10 ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра. 11 Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара.
12 Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 13 «Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’. 14 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“».
15 Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина. 16 Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».
17 Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.
29Ярми-ЯхӀус Бавелехь болчу йийсархошка дахьийтина долу кехат
1- 29:1, 2 ТӀаьххьарнаш 24:12-16; 2 Шерашкахь 36:10. Ярушалаймера Ярми-ЯхӀу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дӀабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. 2 И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхӀу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дӀабигинчул тӀаьхьа. 3 Ярми-ЯхӀус и кехат дӀаделира Шапанин кӀанте ЭлиӀасига а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀанте Гамар-ЯхӀуга а. ЯхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус уьш Бавел-махкахь волчу Набухди-Нецар-паччахьна тӀе дӀабахийтинера. Цу кехатан чулацам хӀара бара: 4 «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу массо а йийсархошка иштта боху: 5 „Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа. 6 Зударий а балабе, шайна кӀентий а, зудабераш а кхиаде. Шайн кӀенташна зударий а балабе, зудабераш маре а дахийта, церан дуккха а кӀентий а, зудабераш а хилийта, шаьш кӀезиг ца хилийта а, шайн тӀаьхье дебийта а. 7 Аса шаьш дӀадахийтина йолчу гӀалин машар а, беркат а совдаккха гӀерта, и гӀала Везачу Эле йоьхуш доӀанаш а де, хӀунда аьлча цу гӀалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“. 8 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гӀенаш гушболчеран гӀенех а ма теша. 9 Цара Сан цӀарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло. 10- 29:10 2 Шерашкахь 36:21; Ярми-ЯхӀу 25:11; Даниал 9:2. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хӀокху метте схьа а дерзош. 11 ХӀунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, – боху Везачу Эло. – И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дӀадала лерина ю уьш. 12 Шу Соьга кхойкхуш, доӀанаш деш, Со волчу догӀучу хенахь, Аса шуьга ладугӀур ду. 13- 29:13 Карлабаьккхинарг 4:29. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, 14 Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дӀалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дӀадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. 15 Аша ала мегар ду: „Везачу Эло Бавелехь а ма белла тхуна пайхамарш“. 16 Амма Везачу Эло Даудан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу паччахьах лаьцна а, иштта кху гӀалахь дехаш долчу йийсаре дигаза дисинчу хьан къомахойх лаьцна а иштта боху. 17 Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тӀе тӀом а, мацалла а, Ӏожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дӀахӀиттор бу. 18 Со царна туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца тӀаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дӀа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. 19 Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгӀна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугӀура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дӀадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугӀура“, – боху Везачу Эло. 20 Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа. 21 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цӀарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхӀун кӀантах Ахьабах а, МаӀсей-ЯхӀун кӀантах ЦӀадукъ-ЯхӀух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дӀалур бу, ткъа цо уьш шун бӀаьргашна хьалха хӀаллакбийр бу. 22 Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхӀудхоша, царах масал а далош, шаьш неӀалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цӀергахь вагийна волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’. 23 Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гӀуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цӀарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хӀума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло».
ШамӀа-ЯхӀун кехат
24 Нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуга дӀаала: 25 «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаӀсей-ЯхӀун кӀанте Цапни-ЯхӀуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тӀехь яздина дара: 26 ‘Хьо Везачу Эло ЯхӀу-ЯдаӀана метта динан да вина дӀахӀоттийра, хьоьга Везачу Элан цӀийнан керта тӀехь куьйгалла дайта а, иштта хӀора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гӀомат йолла еза. 27 Ахьа тӀех хӀунда ца диттира Ӏанатотхо волчу Ярми-ЯхӀуна, шайна юкъахь, иза пайхамар ву бохуш, лелаш хилча? 28 Цо тхо долчу Бавеле а хӀара хаам баийтина: ‹Шун йийсарехь хилар деха хир ду. Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа›’“».
29 Динан да волчу Цапни-ЯхӀус и кехат Ярми-ЯхӀу-пайхамарна дӀадешча, 30 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира: 31 «Ярми-ЯхӀу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хӀара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀух лаьцна: ‘ШамӀа-ЯхӀус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. 32 И хӀума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуна а, цуьнан тӀаьхьенна а таӀзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тӀаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».
30Дала Шен къомана йина чӀагӀонаш
1 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира: 2 «Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьайга аьлла долу массо а хӀума тептар тӀе дӀаязде, 3 хӀунда аьлча тӀекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхӀудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахӀоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тӀе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“».
4 ХӀара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхӀудан а халкъах лаьцна аьлла ду. 5 «Иштта боху Везачу Эло:
„Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду.
Къематан гӀовгӀа хезаш ю, машар а бац.
6 Хаттар а дай, ойла е:
боьршачу стага бер дой?
Дера ца до. Иштта хилча, хӀунда го Суна
хӀора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тӀехь,
бер деш йолчу зудчун санна?
Церан яххьаш бос байна а хӀунда ю?
7 ЭхӀ, ма къемате хир ду и де,
цхьа а де цунах тарлур а дац.
Якъубан тӀаьхьенна иза гӀайгӀане зама хир ю,
амма оцу гӀайгӀанех и тӀаьхье кӀелхьаръер ю“».
8 «И де тӀекхаьчна, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхӀудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дӀадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гӀуллакх дойтур дац. 9 Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу.
10- 30:10, 11 Ярми-ЯхӀу 46:27, 28. Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, –
боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ.
Аса хьо генарчу махках кӀелхьар а доккхур ду,
шаьш йийсаре дӀадигначу махкара
хьан тӀаьхьенаш паргӀат а йохур ю.
Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю,
уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу.
Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац,
11 хӀунда аьлча Со шуьца ву,
шу кӀелхьардохур ду –
боху Везачу Эло. –
Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш
Аса билггал хӀаллакдийр делахь а,
шу хӀаллак ца деш дуьтур ду.
Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац,
амма Аса нийсонца шуна таӀзар дийр ду».
12 Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе:
«Хьан чевнна дан дарба дац,
хьан йоьхна меттиг меттахӀотталур яц.
13 Кхелехь къасто дезачу хьан гӀуллакхна гӀайгӀа бан цхьа а вац,
хьан цамгар дӀаерзо иштта цхьа а вац.
Хьуна дан дарба а дац.
14 Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла,
цу къаьмнашна бала бац, хьуна хӀуъа хилча а.
МостагӀчо санна, Аса хьуна тоьхна,
луьрачо санна, Аса хьуна таӀзар дина,
хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу,
ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
15 Хьайн чевнашна хӀунда бо ахь латкъамаш,
хьайн лазарна дан дарба доццушехь а?
Веза Эла волчу Аса дина ду иза,
хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу,
ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
16 Хьо мел дӀакхоллурш шаьш дӀакхаьллина хир бу.
Хьан мел болу мостагӀий шаьш хир бу йийсарехь.
Хьох хӀонс мел йоккхурш шаьш хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу.
Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дӀалур бу.
17 Аса хьуна могушалла юхалур ю,
хьан чевнаш а тойийр ю, –
боху Везачу Эло, –
хӀунда аьлча хьан мостагӀаша боху:
„Цийон юхатеттина ма ю,
цунах цхьаммо а гӀайгӀа ма ца бо“».
18 Амма Везачу Эло боху:
«Аса Якъубан тӀаьхьенан аьтто юхаметтахӀоттор бу,
цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу.
ГӀала юхаметтахӀоттийна хир ю ша хиллачу гу тӀехь,
ткъа гӀалин гӀап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю.
19 Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю,
массо а маьӀӀера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду.
Аса церан тӀаьхье совйоккхур ю,
церан терахь жимлур дац,
Аса церан цӀе йохуьйтур ю,
цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.
20 Сан къоман бераш тохара санна Ӏийр ду,
цуьнан гулам Суна хьалха дӀахӀуттур бу.
Цунна гӀело ечарна Аса таӀзар дийр ду.
21 Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву,
халкъан олахо царна юкъара хир ву.
Аса Сайна тӀеозавойтур ву иза,
ткъа иза Сайна улло валор ву,
хӀунда аьлча Суна улло ван
шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? –
боху Везачу Эло. –
22 Шу Сан къам хилла дӀахӀуьттур ду,
ткъа Со шун Дела хир ву».
23 Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю. 24 Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
31Исраилан халкъ йийсарера юхадалор
1 «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду». 2 Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кӀелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара». 3 Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам. 4 Аса юха а меттахӀоттор ду хьо, йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахӀоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргӀанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. 5 Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. 6 Цхьа де догӀур ду, гӀаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дӀакхайкхор деш: „ХьалагӀовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тӀе хьаладевр ду вай“».
7 ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху:
«Сакъералуш, Якъубан тӀаьхьенна эшарш лекха,
мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна.
Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе,
иштта ала: „КӀелхьардаккхахьа, Веза Эла,
Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
8 Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш,
дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш.
Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а,
берах ерг а, бер деш ерг а хир ю.
Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
9 Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу,
доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу.
Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш,
церан когаш а тийсалур бац.
Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву,
ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
10 Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме,
хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш:
«Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду.
Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
11 Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю,
цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
12 Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду,
ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат,
Везачу Эло мел деллачунна:
кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта,
жена а, бежана а юкъара кӀорнеш.
Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш,
ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
13 «Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду,
къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу.
Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду.
Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
14 Аса динан дайшна токхе кхача лур бу,
Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», –
боху Везачу Эло.
Везачу Эло Исраилан халкъах къинхетам бар
15- 31:15 а: Доладалар 35:16-19; б: Маттай 2:18. Иштта боху Везачу Эло:
«Аз хеза Рами чохь,
инзаре мохь, тийжар хеза.
Рахьал+ 31:15 *Рахьал *– иза Якъубан зударех цунна дукхаезаш ерг яра. Цунах Юсупан а, Бен-Яманан а тайпанаш схьадевллера. Кхузахь Рахьал дерриг а Исраилан халкъ санна ю.* йоьлху шен берашна,
амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа,
хӀунда аьлча цуьнан бераш дӀадевлла ду».
16 Амма Везачу Эло боху:
«Йоьлхучуьра саца, хьайн бӀаьрхиш а дӀадаха,
ахь бинчу балхана хьуна совгӀат дийр ду, –
боху Везачу Эло. – Хьан бераш
мостагӀийн лаьттара юхадоьрзур ду.
17 Хьан хиндолчунна бу сатийсам, –
боху Везачу Эло. – Хьан бераш
шайн махка юхадоьрзур ма ду.
18 Суна билггал хезна Эпрайман халкъ+ 31:18 *Эпрайман халкъ *– ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь санна, иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх бохург ду. Оцу пачхьалкха чу Исраилан халкъах итт тайпа догӀура, ткъа Эпрайман тайпа царах цхьаъ дара.* леткъаш:
„Аьрха эса санна, со нисдина,
Ахь со кара ма Ӏамийнера!
ХӀинца со юхадерзадехьа,
тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара,
хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
19 Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла.
КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас,
хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера,
айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.
20 Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа?
Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза?
Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а,
массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза.
Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу,
Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
21 ДӀахӀоттае хьайн некъан билгалонаш,
некъ каро тӀулгаш хьайна охьадахка.
Тидам бе хьо леллачу некъан,
хьо дӀадуьгуш хиллачу тачанан.
ЙоӀстаг санна долу Исраилан халкъ,
юхадерза хьайн гӀаланашка.
22 Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш,
тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ?
Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу:
зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.
Делан халкъан хиндолу дика дахар
23 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахӀоттабича, ЯхӀуд-махкахь а, цуьнан гӀаланашкахь а хӀара дешнаш кхин цкъа эр ду:
„Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам+ 31:23 *Беза лам *– иза Ярушалайм-гӀалахь болу Цийон-лам бу.*,
нийсо шена тӀехь Ӏаш йолу меттиг“.
24 ЯхӀуд-махкахь кхин цхьаьна Ӏаш хир бу гӀаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаӀуй а. 25 ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».
26 Со, сама а ваьлла, гонах дӀасахьаьжира: сайн гӀан чӀогӀа тайра суна.
27 «ТӀейогӀур ю зама, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а мехкашна тӀехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу. 28 ДӀаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дӀадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хӀаллакдайта а, цунна тӀе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахӀиттадайта а, лаьтта тӀе дӀадогӀийта а, – боху Везачу Эло. – 29- 31:29 Яхьазкхиал 18:2. Цу хенахь адамаша бохур дац:
„Дайша муьста кемсаш йоу,
ткъа берийн цергаш леха“.
30 Амма хӀора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.
31- 31:31-34 Ӏебархошка 8:8-12. ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу. 32 Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – 33- 31:33 Ӏебархошка 10:16. ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 34- 31:34 Ӏебархошка 10:17. ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
35 Иштта боху Везачу Эло:
«Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту,
ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту.
ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш,
хӀорд карзахболуьйту Аса,
Сан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
36 И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш
сецнехьара, – боху Везачу Эло, –
Исраилан тӀаьхье гуттаренна а
Сан халкъ хуьлучуьра дӀаер яра».
37 Везачу Эло иштта боху:
«Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара,
лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара,
Аса Исраилан массо а тӀаьхье дӀатоттур яра
цара мел лелийна хӀума бахьана долуш», –
боху Везачу Эло.
38 «ТӀейогӀуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахӀоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гӀала юхаметтахӀоттор ю Хьананиалан бӀаьвнна тӀера дуьйна Сонерчу кевнна тӀекхаччалц. 39 Дохалла дустаран тӀийраг Сонерачу кевнна тӀера ГӀарабан гуна тӀе а кхочий, ГуӀа-метте дӀайоьрзур ю. 40 Декъий дӀадухкуш йолу а, юкъ тӀекхуссуш йолу а тогӀи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тӀе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тӀе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дӀахӀуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гӀала цхьана а заманахь орамашца дӀаяьккхина я йохийна кхин хир яц».
32Ярми-ЯхӀус кха эцар
1- 32:1 ТӀаьххьарнаш 25:1-7. Везачу Элера хӀара дош кхечира Ярми-ЯхӀуга яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу уьтталгӀачу шарахь. Иза иштта Набухди-Нецар Бавелан паччахь волу берхӀитталгӀа шо а дара. 2 Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхӀу-пайхамар яхӀудхойн паччахьан цӀахь йолчу гӀаролхойн кертахь чувоьллина вара. 3 Иза яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус цу чу воьллина вара, хӀунда аьлча цо Ярми-ЯхӀу иштта бехкевира: «Ахь хӀунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, Набухди-Нецара иза дӀа а лоцур ю. 4 ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дӀалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бӀаьргашца схьа а гур ву. 5 ЦӀадукъ-ЯхӀу цо Бавеле дӀавуьгур ву. Иза цигахь Ӏийр ву, Иза цигахь Ӏийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тӀом бахь, шу царал тоьлур дац“».
6 Ярми-ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош: 7 „Хьан ден вешин Шалуман кӀант Хьанамиал хьо волчу вогӀуш ву хьоьга дӀаала: ‘Соьгара Ӏанатот-гӀалахь долу сан кха хьайна дӀаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“». 8 Сан ден вешин кӀанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Ӏанатот-гӀалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дӀаэца, хӀунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дӀаэца». ТӀаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла. 9 Аса Ӏанатот-гӀалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхӀитта шекхал+ 32:9 *Шекхал *– иза ши бӀе грамм гергга ю.* дети а делира. 10 Латта оьцуш яздечу кехатна кӀел куьг а яздина, иза мухӀарца чӀагӀ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тӀехь дети уьйзира. 11 Цул тӀаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира – шена тӀехь барт а, тӀедожорш а яздина долу мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а. 12 Аса иза Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира, сайн ден вешин кӀантана Хьанамиалана а, цу кехат кӀел куьг яздина болчу тешашна а, гӀаролхойн кертахь охьахиъна Ӏаш мел болчу яхӀудхошна а хьалха. 13 Царна хьалха аса Барухана тӀедиллира: 14 «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХӀара эцаран кехаташ – мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а – схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дӀадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“. 15 Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦӀенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хӀокху махкахь оьцуш хир ю“».
Ярми-ЯхӀун доӀа
16 Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса: 17 «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хӀума а дац. 18 Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таӀзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу! 19 Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гӀуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бӀаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хӀоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггӀург дӀало. 20 Веза Эла, Ахьа инзаре гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хӀара хан тӀекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хӀума бахьана долуш массанхьа а гӀараяьлла Хьан цӀе. 21 Тамашийна билгалонаш а, инзаре гӀуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа. 22 Ахьа царна хӀара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чӀагӀо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду. 23 Цара, цу лаьтта тӀе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугӀура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тӀе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хӀума бахьана долуш Ахьа царна тӀе и массо а бохамаш баийтина.
24 Хьажахьа, мостагӀаша гӀалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а гӀалина тӀелеташ болчу хашадхойн кара дӀадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду. 25 Ткъа Ахьа, сан Хьалдолу Эла, соьга элира: „Хьайна детих кха эца, и кха оьцучу хенахь тешаш а балабе“. Иза Ахьа соьга боху, хашадхойн эскар гӀала дӀалаца кечделлачу хенахь».
26 ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 27 «Ярми-ЯхӀу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тӀехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хӀума дуй те?» 28- 32:28 ТӀаьххьарнаш 25:1-11; 2 Шерашкахь 36:17-21. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дӀалур ю, цо иза дӀа а лоцур ю. 29 Цунна тӀелеташ болчу хашадхоша, гӀалина чу а баьхкина, гӀаланах цӀе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тӀехь БаӀална хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш дахарна а, наха Со оьгӀазвахийтина массо а цӀенош шаьш дагийна хир ду. 30 Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гӀуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгӀазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – 31 ХӀара гӀала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгӀазвоьду хӀуманаш лелийна, цундела хӀара Сайн бӀаьргашна хьалхара дӀаяккха сацам бина Аса. 32 Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхӀудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гӀуллакхаш леладора. 33 Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Ӏамо гӀертахь а, цара Соьга ла а ца дугӀура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура. 34- 32:34 ТӀаьххьарнаш 23:10; Ярми-ЯхӀу 7:30, 31; 19:1-6. Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш. 35- 32:35 а: ТӀаьххьарнаш 23:10; Ярми-ЯхӀу 7:31; б: Ӏамалъяр 18:21. Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цара БаӀална лерина сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагӀина дӀабалархьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхӀудан халкъе къа латадайтира».
Сатийсамна йолу чӀагӀо
36 «Ахьа а, хьоьца болчара а оцу гӀаланах лаьцна боху: „Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а и гӀала Бавелан паччахьан кара дӀайолуьйтур ю“. Ткъа хӀинца ладогӀа, – боху Исраилан Везачу Дала, – оцу гӀаланах лаьцна Аса бохучуьнга. 37 Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хӀокху метте юхаберзор бу, сашортехь Ӏайтархьама. 38 Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. 39 Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду. 40 Аса цаьрца массо а тӀейогӀучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кӀорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дӀа ца къастийта. 41 Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хӀокху лаьтта тӀе чӀагӀбина баха охьаховшор бу».
42 Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас. 43 ХӀинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тӀехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хӀунда аьлча иза хашадхойн кара дӀабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду. 44 Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теӀадеш, мухӀарца чӀагӀдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, гунаш тӀехь а, малхбузехьа долчу акъари тӀехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
33Халкъ юхаметтахӀотторан ваӀда
1 Везачу Элера шолгӀа а хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, иза хӀинца а гӀаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь. 2 «Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чӀагӀдина а Волчо, Шен цӀе Веза Эла Йолчо: 3 „Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дӀахьулдина а хӀуманаш дӀакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу. 4 Исраилан халкъан Везачу Дала хӀара боху Ярушалаймехь долчу цӀенойх а, иштта ЯхӀуд-махкарчу паччахьийн цӀенойх а лаьцна: гӀала схьалацархьама мостагӀаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагӀчун туьрах а лардеш дохадора и цӀенош. 5 Цхьаболчара хашадхошца тӀом бийр бу, ткъа мостагӀаша гӀалин цӀенош дузур ду Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хӀунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гӀаланах къайлаяьккхинера. 6 Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю. 7 Ас Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а аьтто юхаметтахӀоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чӀагӀдийр ду. 8 Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. 9 Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
10 Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду 11- 33:11 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 117:1; 135:1. синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду:
„Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна.
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“.
Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
12 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хӀокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гӀаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаӀушка шайн жашка цигахь садаӀийтархьама. 13 Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гӀаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кӀел жаш догӀур ду», – боху Везачу Эло.
14- 33:14-16 Ярми-ЯхӀу 23:5, 6. «ТӀекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а дина дика ваӀда кхочушден денош. 15 Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зӀийдаг кхиор ю. Цо хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. 16 Оцу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Ӏийр бу. ГӀалин цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“». 17- 33:17 Дауд 7:12-16; Сулим 2:4; 1 Шерашкахь 17:11-14. Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь. 18- 33:18 Лелар 3:5-10. Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гӀуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кӀен а, кхин тайпана а долу сагӀанаш а дохуш».
19 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира: 20 «Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тӀе ца кхочуьйтуш, 21 тӀаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тӀаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гӀуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш. 22 Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, ягар ца яллал дукха тӀаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гӀуллакх деш болчу левихошна а“».
23 Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 24 «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дӀатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хӀинца иза Сан къам кхин ца хета царна. 25 Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чӀагӀ ца динехьара, 26 тӀаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тӀаьхье дӀатоттур яра, иштта ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тӀаьхьенашна тӀехь паччахьалла дан Даудан тӀаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахӀоттор бу, царах къинхетам а бийр бу».
34ЦӀадукъ-ЯхӀуга дина дӀахьедар
1- 34:1 ТӀаьххьарнаш 25:1-11; 2 Шерашкахь 36:17-21. Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кӀел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тӀом беш долчу хенахь: 2 «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гӀой, яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, тӀаккха цо иза цӀарца ягор ю. 3 Хьо а вер вац цуьнан куьйга кӀелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дӀалур ву, хьан бӀаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТӀаккха хьо Бавеле дӀавуьгур ву’. 4 Делахь а, ладогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац. 5 Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягош ма-хиллара, дӀавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яӀ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тӀехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло.
6 Ярми-ЯхӀус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье дӀаэлира. 7 Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхӀуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гӀаланашца а тӀом беш дара. ЯхӀуд-махкара чӀагӀйинчу гӀаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гӀала а, Ӏазекхи-гӀала а бен ца йисинера.
Леш паргӀатбахар
8 Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргӀатбохур бу аьлла, барт бинчул тӀаьхьа. 9 Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара. 10 Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера. 11 Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.
12 ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга: 13 «Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера: 14- 34:14 Арадаккхар 21:2; Карлабаьккхинарг 15:12. ‘ХӀора ворхӀалгӀа шо дӀа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Ӏебархо дӀахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тӀаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира, цара Со тидаме а ца ийцира. 15 Аша хӀинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хӀорраммо а шайн къомах волу лай паргӀатвер ву элира. Сан цӀе лелош долчу цӀийнан кертахь, Суна хьалха и хӀума кхочушдан аша барт а бира. 16 Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“. 17 Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, – боху Везачу Эло, – шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю. 18 Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тӀедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чӀагӀбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса. 19 Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а 20 уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀашка Аса дӀалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дӀахӀуьттур ду. 21 Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а. 22 Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
35Ярми-ЯхӀу а, рахбихой а
1- 35:1 ТӀаьххьарнаш 23:36–24:6; 2 Шерашкахь 36:5-7. ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьалла дечу хенахь Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хӀара хаам беара: 2 «Рахбихой болчу а гӀой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цӀийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагӀар а ло». 3 Аса, Хьабацин-ЯхӀун кӀант волчу Ярми-ЯхӀун кӀант Яъзан-ЯхӀу сайца схьа а эцна, цуьнан массо а вежарий а, кӀентий а – дерриг а рахбихойн тукхам – 4 Везачу Элан цӀа долчу далийра. Йигдал-ЯхӀун кӀант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цӀа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхӀуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гӀаролхо волчу Шалуман кӀант МаӀсей-ЯхӀун чоьнна тӀехула а яра. 5 ТӀаккха Аса, рахбихойн доьзална хьалха кедаш а, чагӀарх юьзна йолу масех кхаба дӀа а хӀоттийна, элира: «Мала чагӀар».
6 Амма цара элира: «Оха чагӀар ца молу, хӀунда аьлча Рахбин кӀант а, тхан дайн да а волчу ЯхӀу-Надаба тхуна тӀедиллина: „ЧагӀар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а. 7 ЦӀенош а ма де, хӀу дӀа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Ӏе. ТӀаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тӀехь“, – аьлла. 8 Оха ладуьйгӀира тхан да а, Рахбин кӀант а волчу ЯхӀу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кӀенташа а, йоӀарша а цкъа а чагӀар ца молу. 9 Оха иштта тхайна чохь Ӏан цӀенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тӀехь йолуш хӀума а яц тхан. 10 Тхо хӀинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хӀуманна тӀехь тхан да волчу ЯхӀу-Надаба тӀедиллинарг кхочушдина оха. 11 Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тӀе гӀоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дӀагӀо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кӀелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».
12 Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀуга хаам кхечира Везачу Элера: 13 «Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гӀой, Соьгара хаам ЯхӀуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дӀабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогӀа деза хӀокху масалх Ӏама шуна ца лаьа те? – боху Везачу Эло. – 14 Рахбин кӀанта ЯхӀу-Надаба шен тӀаьхьенна, чагӀар ма мала аьлла, тӀедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогӀуш ду. Уьш таханлера де тӀекхаччалц чагӀар ца молуш схьабогӀуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Ӏаш ву, амма аша Соьга ла ца дугӀу. 15 Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дӀаала: ‹ДӀадовла шайн вочу некъаш тӀера, сацаде шаьш лелош долу хӀуманаш, дӀадовла кхечу деланашна тӀаьхьара, царна Ӏамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хӀокху лаьтта тӀехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугӀура. 16 Рахбин кӀентан ЯхӀу-Надабан тӀаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хӀокху къомо Соьга ла ца доьгӀна’. 17 Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхӀудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгӀна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“».
18 Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхӀус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхӀу-Надабе аша ладугӀура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хӀуманна тӀехь цо ма-аллара шу лелара. 19 И хӀума бахьана долуш, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Рахбин кӀант волчу ЯхӀу-Надабан тӀаьхьенах гуттаренна а Суна гӀуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».
36Делан цӀийнан кертахь Баруха тептар дӀадешар
1- 36:1 ТӀаьххьарнаш 24:1; 2 Шерашкахь 36:5-7; Даниал 1:1, 2. ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Якхама олалла до доьалгӀа шо долуш, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера иштта хаам кхечира: 2 «Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхӀудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дӀаязде. Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дӀаязбе. 3 ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».
4 ТӀаккха Ярми-ЯхӀус Нери-ЯхӀун кӀант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздора. 5 Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус элира Барухе: «Со Везачу Элан цӀийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду. 6 Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цӀа долчу гӀо, ас дӀадуьйцучу хенахь айхьа дӀаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дӀа а деша. Уьш ахьа дӀадеша деза шайн гӀаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхӀудхошна. 7 Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дӀабовла ма мега, хӀунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дӀакхайкхийна оьгӀазалла а, дералла а чӀогӀа йоккха ю». 8 Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха дерриг а шега Ярми-ЯхӀу-пайхамаро ма-аллара дира. Цо Везачу Элан цӀийнан кертахь тептар тӀехь дӀаяздина долу Везачу Элан дешнаш аз айина дӀадийшира.
9 ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгӀачу шеран уьссалгӀачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкара Ярушалайм-гӀала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дӀакхайкхийра. 10 Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цӀа долчохь хьарчийначу тептар тӀера Ярми-ЯхӀун дешнаш дӀадийшира. Йозанча волчу Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун цӀа чуьра и тептар дӀадоьшуш вара Барух. Цуьнан цӀа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цӀийнан керлачу кевнна уллохь дара.
Тептар баьччанашна хьалха дӀадешар
11 Тептар тӀера дӀадоьшуш долу Везачу Элан массо а дешнаш хезаш вара Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун кӀант Мика-ЯхӀу. 12 Иза паччахьан гӀалина чохь долчу йозанчин цӀа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Ӏаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаӀ а, ШамӀа-ЯхӀун кӀант Дали-ЯхӀу а, Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, Шапанин кӀант Гамар-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а. 13 Нахана хьалха тептар тӀера Баруха дӀадоьшуш шена хезна массо а дешнаш Мика-ЯхӀус мехкан баьччанашна дӀадийцира. 14 ТӀаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кӀант волчу Шалам-ЯхӀун кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ЯхӀуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дӀадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», – аьлла. Нери-ЯхӀун кӀант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара. 15 Цара цуьнга, охьа а хаий, шайна хозуьйтуш и тептар дӀадеша элира. Баруха иза дӀадийшира. 16 Цу тӀехь дерг шайна хезча, баьччанаша, кхерамца вовшашка а хьаьвсина, Барухе элира: «И дерриг а паччахье дӀадийца деза оха». 17 Цара Барухе хаьттира: «Дийцал, муха дӀаяздина ахьа и дешнаш? Ярми-ЯхӀус ма-аллара, яздиний ахьа уьш?»
18 Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хӀара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хӀокху хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздина».
19 ТӀаккха баьччанаша Барухе элира: «Хьо Ярми-ЯхӀуца цхьаьна дӀалачкъа веза, цхьаьнгге а шаьшшиъ мичахь ву дӀа а ца хоуьйтуш».
Паччахьо тептар дагор
20 И тептар паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀан чохь а дитина, кертахь волчу паччахьна тӀе бахара баьччанаш. Цара и массо а хӀума паччахье дӀадийцира. 21 Паччахьо ЯхӀуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀера и тептар схьа а эцна, ЯхӀудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дӀадийшира. 22 И шадерг а шеран уьссалгӀачу баттахь дара, цундела паччахь ша Ӏа доккхуш хуьлучу цӀа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цӀе а йолуш, Ӏаш вара. 23 ЯхӀудис хьарчийначу тептар тӀехь яздинчух кхо-биъ бӀогӀам дӀа мосазза боьшу а, паччахьо цо дӀадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цӀерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цӀергахь дагийна дӀадаллалц. 24 Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тӀера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тӀера бедарш а ца этӀийра. 25 Эли-Натас а, Дали-ЯхӀус а, Гамар-ЯхӀус а дехарш динехь а, паччахье и тептар ма дагаде бохуш, амма цо цаьрга ла ца дуьйгӀира. 26 Паччахьо шен кӀанте Ярахьмиале а, Ӏазриалан кӀанте Сари-ЯхӀуга а, Ӏабдиалан кӀанте Шалам-ЯхӀуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхӀу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.
Ярми-ЯхӀус кхин тептар яздар
27 ЯхӀу-Якхам-паччахьо Ярми-ЯхӀун багара схьадаьлла а, Баруха дӀаяздина а дешнаш тӀехь долу тептар дагийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга: 28 «Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тӀе яхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь хилла долу дешнаш дӀаязде. 29 ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхаме дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хӀара тептар дагийна: ‘ХӀунда яздина ахьа кху тӀе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хӀара латта хӀаллакдийр ду, цу тӀехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ – аьлла. 30 Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхӀу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а, Даудан тӀаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду. 31 Ас таӀзар дийр ду ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан тӀаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».
32 Ярми-ЯхӀус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира. Цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тӀе дӀаяздира. Цу дешнаш тӀе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дӀаяздина.
37ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга дехар дар
1- 37:1 ТӀаьххьарнаш 24:17; 2 Шерашкахь 36:10. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра. 2 Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга.
3 ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле». 4 Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара. 5 Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.
6 ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре: 7 «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. 8 Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“. 9 Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац. 10 Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».
Ярми-ЯхӀу дӀалацар
11 ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа, 12 Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама. 13 Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла.
14 Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира. 15 Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера. 16 Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.
17 Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?»
Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», – аьлла. 18 Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал? 19 Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, – бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш? 20 Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».
21 ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.
38Ярми-ЯхӀу гӀу чу кхоссар
1 Матанин кӀантана Шапат-ЯхӀуна а, Пашихьуран кӀантана Гадал-ЯхӀуна а, Шалам-ЯхӀун кӀантана ЯхӀукалана а, Малки-ЯхӀун кӀантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхӀус массо а халкъе иштта дешнаш дӀакхайкхош: 2 «Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, я мацалло, я Ӏожаллин уьно вуьйр ву, амма, гӀалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хӀонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. 3 Везачу Эло кхин а боху: „ХӀара гӀала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“».
4 ТӀаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхӀу вен везаш ву, хӀунда аьлча цо дуьйцучо кху гӀалахь бисинчу тӀемалойн а, иштта гӀалин бахархойн а майралла дӀайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду».
5 ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хӀумма а дан йиш йолуш вац». 6 Цара Ярми-ЯхӀу, схьа а лаьцна, гӀаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кӀентан Малки-ЯхӀун гӀунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхӀу, машшаш а дихкина, цу гӀунна чу охьавоссийтира. Цу гӀунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхӀу.
7 Паччахьан цӀа чохь гӀуллакх деш волчу Ӏабайд-Малик цӀе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхӀу гӀу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Ӏаш хилла. 8 Паччахьан цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏабайд-Малика, цунна тӀе а вахана, элира: 9 «Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхӀу гӀунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хӀунда аьлча кху гӀалахь кхин бепиг дац». 10 ТӀаккха паччахьо хушахо волчу Ӏабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхӀу гӀунна чуьра хьалаваккха, иза валале». 11 Ӏабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цӀийнан чӀоь-цӀенна кӀелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тӀелхигаш а, ца оьшуш йолу кӀадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхӀу чохь волчу гӀу чу тӀергаш а тесна, чу яхийтира. 12 Хушахо волчу Ӏабайд-Малика элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара тиша тӀелхигаш а, кӀадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кӀел а яхкий, царна тӀехула муш бахийта». Ярми-ЯхӀус шега де ма-аллара дира. 13 Машшашца хьала а озийна, цара гӀунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхӀу. ТӀаккха иза гӀаролхойн кертахь Ӏийра.
ЦӀадукъ-ЯхӀу Ярми-ЯхӀух дагавалар
14 ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус шена тӀекхайкхира Ярми-ЯхӀу. Везачу Элан цӀийнан кертан кхоалгӀа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхӀу. Паччахьо элира: «Ас хӀинца цхьа хӀума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хӀумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза».
15 Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дӀаоьцур дац».
16 Амма ЦӀадукъ-ЯхӀус къайлаха Ярми-ЯхӀуна чӀагӀо йира: «Вайна хӀара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гӀерташ болчу нехан кара дӀа а лур вац аса».
17 ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира ЦӀадукъ-ЯхӀуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хӀара гӀала а цӀарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. 18 Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хӀара гӀала церан кара дӀа а лур ю, цара хӀара цӀарца ягор а ю, ткъа хьо царах кӀелхьар а вер вац“».
19 Амма ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга элира: «ХӀинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхӀудхойн кара со дӀаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со».
20 ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира: «Хашадхойн тӀемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхӀудхошка дӀалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогӀахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву. 21 Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дӀадиллинарг хӀара ду: 22 ЯхӀудхойн паччахьан цӀа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дӀабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду:
„Хьан тешамечара хьо ле ма вина,
хьан доттагӀаша хьо къера ма хилийтина.
Хьан когаш саззи юкъа ма бахана,
хьан доттагӀий хьуна гена ма бевлла“.
23 Берриш а хьан зударий а, бераш а, дӀа а бигина, хашадхошна дӀалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хӀара гӀала цӀарца ягор ю».
24 ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама. 25 Сан баьччанашна дӀахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хӀун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хӀун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тӀаккха оха хьо вуьйр вац“. 26 Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхӀунатин цӀийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“». 27 Массо а баьччанаш Ярми-ЯхӀу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхӀус. ХӀумма а ца олуш, уьш дӀабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела. 28- 38:28 Яхьазкхиал 33:21. Ярми-ЯхӀу гӀаролхой болчу кертахь Ӏийра, Ярушалайм дӀалоцу де тӀекхаччалц.
Ярушалайм йожар
Ярушалайм дӀалацар иштта дара.
391 ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волу уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дӀахӀоьттира. 2 Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира. 3 Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара.
4 ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи+ 39:4 *Ӏариба-тогӀи *– иза Йордан-хин тогӀи ю.* йолчу дӀабахара. 5 Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира. 6 Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо. 7 Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира. 8 Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра. 9 ГӀалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дӀабигира. 10 Шайн долахь цхьа а хӀума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхӀуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дӀа а елла.
Ярми-ЯхӀу арахецар
11 Ткъа Ярми-ЯхӀух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тӀедиллинера: 12 «Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», – аьлла. 13 ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тӀеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тӀеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тӀеман хьаькамаша а Ярми-ЯхӀу лаха нах бахийтира. 14 Оцу наха Ярми-ЯхӀу, гӀаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант волчу Гадал-ЯхӀун кара дӀавелира, цуьнга иза шен цӀа дӀавигийтархьама. Ярми-ЯхӀу шен халкъана юкъахь ваха висира.
Ӏабайд-Маликана сатийсам хилар
15 Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера: 16 «Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, хушахо волчу Ӏабайд-Малике хӀара дешнаш дӀаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХӀокху гӀалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хӀоьттира Со. Иштта хилча, хьан бӀаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. 17 Амма хьо Аса кӀелхьарвоккхур ву, – боху Везачу Эло. – Хьо кхоьручу нехан кара дӀалур вац хьо. 18 Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хӀонс санна хир ду хьуна, хӀунда аьлча хьо сох тешна дела’, – боху Везачу Эло“».
40Ярми-ЯхӀу Гадал-ЯхӀу волчохь сацар
1 Рама-гӀалахь Бавелан паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дӀалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тӀаьхьа, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера.
2 ГӀаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхӀу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хӀокху меттигна хӀара бохам бийр бу аьлла. 3 Ткъа хӀинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгӀна дела а. 4 Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хӀокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дӀаван лаахь, дӀавола, аса Ӏуналла дийр ду хьуна тӀехь. Нагахь хьайна цига дӀаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХӀара дерриг а латта хьуна хьалха Ӏуьллуш ду, хьайна луъучу метте дӀаваха пурба ду хьуна».
5 Ярми-ЯхӀу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо, Бавелан паччахьо массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна тӀехь хьаькам хӀоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дӀагӀо». Ярми-ЯхӀуна яа хӀума а, совгӀаташ а дӀа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. 6 Ярми-ЯхӀу МицӀпа-гӀалахь сецначу Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.
ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу
(ТӀаьххьарнаш 25:22-24)
7- 40:7-9 ТӀаьххьарнаш 25:22-24. ЯхӀудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тӀемалошна а, кхечу нахана а дӀахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо хӀоттийна аьлла. Бавеле дӀа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тӀехь цо Ӏуналла дан деза бохуш, хезира царна. 8 Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара. 9 Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царна хьалха чӀагӀонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гӀуллакх дан. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду. 10 Ткъа со МицӀпа-гӀалахь соцур ву, кхуза схьаоьхуш болчу хашадхошна хьалха шух лаьцна жоп а луш. Ткъа аша аьхкенан стоьмаш схьалахьабе, чагӀар а, даьтта а даккха, и массо а кхача кхабанаш чохь латта а бе, шаьш дӀалаьцначу гӀаланашкахь а Ӏе». 11 Массо а Муаби-махкахь а, Ӏаммин-махкахь а, Эдом-махкахь а, иштта кхечу мехкашкарчу яхӀудхошна дӀахезира Бавеларчу паччахьо цхьаболу нах ЯхӀуд-махкахь битина аьлла, царна тӀехь куьйгалла дан Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу а хӀоттош. 12 Шаьш бевдда дӀабаханчу массо а меттигашкара яхӀудхой Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тӀаьхьа цара дуккха чагӀар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира.
Гадал-ЯхӀу вер
(ТӀаьххьарнаш 25:25, 26)
13 Цу хенахь Къаьрхьин кӀант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тӀемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. 14 Цара элира Гадал-ЯхӀуга: «Хьуна хууш дуй, Ӏамминхойн паччахь БаӀалси хьо вен гӀерташ вуйла? Цо Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царах ца тийшира. 15 ТӀаккха Къаьрхьин кӀанта Йохьана къайлаха цуьнга элира: «Суна пурба лохьа Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал вен. Цунах лаьцна цхьанна а хуур дац. Цуьнга хьо хӀунда воьйтур ву оха? Цо иза дахь, хьуна гонах схьагулбелла болу массо а яхӀудхой маьӀ-маьӀӀехь дӀасаборжуьйтур бара, ткъа ЯхӀуд-махкахь бисинчу нахана бохам бийр бара».
16 Амма Ахьикхаман кӀанта Гадал-ЯхӀус Къаьрхьин кӀанте Йохьане элира: «Ма делахь иза, хӀунда аьлча ахьа ИсмаьӀалах аьлларг бакъ дац».
411- 41:1-3 ТӀаьххьарнаш 25:25. ВорхӀалгӀачу баттахь Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу веара. Иза МицӀпа-гӀала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьӀал паччахьан цӀийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхӀуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хӀума юуш Ӏийра. 2 Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гӀевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дӀахӀоттийнарг вийнера. 3 ИсмаьӀала иштта Гадал-ЯхӀуца МицӀпа-гӀалахь хилла болу массо а яхӀудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тӀемалой а байира.
4 Гадал-ЯхӀу вийначу шолгӀачу дийнахь, и хӀума цхьанна а хаале, 5 МицӀпа-гӀала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а яхьаш, Везачу Элан цӀа долчохь сагӀа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дӀаяьшнера, шайна тӀера хӀуманаш а этӀийнера, шайна чевнаш а йинера. 6 Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, МицӀпа-гӀалара ара а ваьлла, велха а воьлхуш, царна дуьхьал веара. Цо элира: «Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо». 7 ГӀалин юккъе кхаьчча, ИсмаьӀала а, цуьнца болчара а уьш, байа а байина, гӀунна чу кхиссира.
8 Амма цу нахана юкъахь хиллачу иттаммо элира ИсмаьӀале: «Ма дайахьа тхо, хӀунда аьлча тхан къайлаха дӀалачкъийна кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, моз а ду. Уьш оха кха тӀехь къайладаьхна ду». Кхечу нахаца цхьаьна уьш байаран метта ИсмаьӀала уьш дийна битира. 9 Цо Гадал-ЯхӀу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гӀу Аса цӀе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаӀшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала и гӀу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна. 10 ИсмаьӀала дерриг а МицӀпа-гӀалахь дисина долу халкъ дӀалецира. Царна юкъахь паччахьан йоӀарий а, иштта МицӀпа-гӀалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кӀантана Гадал-ЯхӀуна, дола де аьлла, дӀабелла бара. Йохьанан кӀант ИсмаьӀал, уьш дӀа а лаьцна, Ӏамминхой болчу ваха новкъа велира.
11 Амма Къаьрхьин кӀантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тӀеман хьаькамашна а Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала динчу дерриг а зуламех лаьцна дӀахезира. 12 ТӀаккха уьш, шайца кхин а нах схьа а эцна, Натан-ЯхӀун кӀантаца ИсмаьӀалца лата бахара. Уьш цунна ГавӀонехь болу боккха Ӏам болчохь тӀаьхьакхиира. 13 Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а шайна гича, ИсмаьӀал волчохь йийсарехь долчу халкъан чӀогӀа самукъаделира. 14 ИсмаьӀала МицӀпа-гӀалахь йийсаре дигна долу дерриг а халкъ, юха а дирзина, Къаьрхьин кӀант Йохьан волчу дӀадахара. 15 Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, шеца бархӀ стаг а волуш, Йохьанах ведда, Ӏамминхой болчу дӀавахара.
16 ТӀаккха Йохьана а, цуьнца болчу тӀеман хьаькамаша а МицӀпа-гӀалара дийна мел бисинарш дӀабигира. Цара уьш ИсмаьӀалан куьйгах кӀелхьарбехира, шаьш Гадал-ЯхӀу вийначул тӀаьхьа. Цара дӀабигира ГавӀон-гӀалара шайца схьа мел баьхкина болу нах: божарий а, тӀемалой а, зударий а, бераш а, паччахьан кертара нах а. 17 Уьш Байтлахам-гӀалина уллохь йолчу Гейрут-КӀамхӀам йолчохь севцира, цигара Мисар-махка дӀабаха дагахь, 18 хашадхой бахьана долуш. Уьш кхоьрура хашадхойх, хӀунда аьлча Бавелан паччахьо ЯхӀуд-махкана тӀехь куьйгалхо хӀоттийна волу Гадал-ЯхӀу вийнера ИсмаьӀала.
42Халкъо Ярми-ЯхӀуга, шайна тӀера доӀа де аьлла, дина дехар
1 Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу+ 42:1 *Язан-ЯхӀу *– цуьнан «Ӏазар-ЯхӀу» боху кхин а цӀе йолуш яра (дешахьа 43:2).* а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара. 2 Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогӀахьа, Ярми-ЯхӀу. Дийна дисначу тхуна тӀера доӀа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхӀу, дуккха а хилла долу тхо кӀеззиг бен ца дисар. 3 ДоӀа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хӀун дан деза а дийцахьара алий».
4 ТӀаккха Ярми-ЯхӀу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доӀа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хӀума къайла а ца доккхуш, шуьга дӀа а дуьйцур ду».
5 Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь. 6 И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугӀурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугӀуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду».
Ярми-ЯхӀус динчу доӀанна жоп далар
7 Итт де даьлча, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. 8 Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира. 9 Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «Шайн дехар дӀадала аша со тӀевахийтинчу Исраилан халкъан Везачу Дала боху: 10 „Нагахь санна шу хӀокху лаьтта тӀехь совцахь, Аса шу юхаметта а хӀоттор ду, дохор а дац. Аса шу дӀа а дугӀур ду, орамашца схьа а дохур дац, хӀунда аьлча Со хӀинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш. 11 Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кӀелхьардохур а ду. 12 Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.
13 Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугӀуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхӀуд-махкахь. 14 Тхо Мисар-махка дӀа а гӀур ду, цигахь Ӏийр а ду, цу меттехь тхох тӀом а хьакхалур бац, тӀаме кхойкхуш долу коьман маӀан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“. 15 Нагахь аша иштта алахь, ЯхӀуд-махкахь дийна бисинарш, тӀаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогӀа деза. ЛадогӀа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дӀадаха а, цигахь Ӏан а баккъал сацам бинехь, 16 шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тӀаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тӀекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду. 17 ХӀора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кӀелхьарвер вац“.
18 Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгӀазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тӀе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тӀе охьаӀанор ю, шу Мисар-махка дӀадахча. Наха шун цӀе яккхарца неӀалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хӀара меттиг а гур яц шуна“.
19 Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до, 20 шу шайгара гӀалат далийта дохку, ткъа цу гӀалато шу Ӏожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тӀера вайн Везачу Эле доьхуш доӀа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дӀаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“. 21 Тахана аса шуьга Везачу Элера болу хаам дӀакхачийра, амма шуна ца лаьа, Цо соьгахула шайга аьлларг а деш, Цуьнга ладогӀа. 22 ХӀинца хаа ду шуна: шаьш даха дӀадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакдийр ду шу».
43Ярми-ЯхӀу Мисар-махка дӀавигар
1 Ярми-ЯхӀус церан Везачу Дала шега дӀаала мел аьлларг дерриг а халкъе дӀаэлира. 2 ТӀаккха ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус а, Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кӀоршамечу наха а Ярми-ЯхӀуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дӀа ма гӀо“ – ала. 3 Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха хьо тхуна дуьхьалвала иракара ма хӀоттийна, тхо, хашадхойн кара дӀа а делла, цаьрга дайъийтархьама а, я Бавел-махка йийсаре дӀадигийтархьама а». 4 Иштта Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхӀуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгӀира. 5- 43:5-7 ТӀаьххьарнаш 25:26. Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман массо а хьаькамаша а, шаьш дӀасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхӀуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дӀадигира. 6 ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀантехь Гадал-ЯхӀугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхӀу-пайхамар а, Нери-ЯхӀун кӀант Барух а шайца дӀабигира. 7 Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгӀира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гӀала дӀабахара.
8 Тахьпанхьас-гӀалахь Ярми-ЯхӀуга хӀара хаам кхечира Везачу Элера: 9 «Масех боккха тӀулг а лахий, Тахьпанхьас-гӀаларчу пирӀунан цӀенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дӀадохка уьш, берриг а яхӀудхочунна гуччохь. 10 Ахьа и хӀума деш гуш болчу яхӀудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гӀант кхузахь Айса дӀадоьхкина долчу тӀулгаш тӀехь дӀахӀоттор ду. Цу тӀулгаш тӀехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дӀахӀоттор ду. 11 Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву. 12 Набухди-Нецара мисархойн деланийн цӀеношкахь цӀе латор ю, цигара цӀуш я багор бу, я йийсаре дӀабуьгур бу. ЖаӀуьно шен бедар мезех цӀан ма-ярра, Мисар-мохк цӀанбийр бу цо, цул тӀаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. 13 Набухди-Нецара Ана-гӀалахь долчу харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цӀенош цӀарца дагор ду’“».
44Мисар-махкахь бехаш болчу яхӀудхойх лаьцна долу Везачу Элан дош
1 Мисар-махкахь Ӏаш болчу яхӀудхошка дӀаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гӀалахь а, Тахьпанхьас-гӀалахь а, Нуп-гӀалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХӀара бу и хаам: 2 «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хӀинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, 3 цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара. 4 Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цӀарах дӀаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хӀума’. 5 Амма цара пайхамаршка ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора. Шаьш лелош долчух уьш дӀа ца бирзира – кхечу деланашна сагӀанаш дечуьра ца совцура уьш. 6 Цундела Сан дералла а, оьгӀазалла а охьаӀанайира, ЯхӀуд-махкара гӀаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дӀадехира, ткъа уьш хӀинца а дассаделла лаьтташ ду“.
7 Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀинца а боху: „Шаьш Ӏожалле далош долу доккха вониг хӀунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхӀудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хӀаллакдо, шайн къоман тӀаьхье а ца юьтуш. 8 Шайн куьйгашца бинчу цӀушна Ӏамал а еш, шаьш цигахь Ӏан дӀадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, Со оьгӀаз хӀунда вохуьйту аша? Шу шаьш хӀаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна шу дола хетар ду. 9 Шуна дицделла те шайн дайша а, яхӀудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хӀуманаш? 10 Таханлерчу денна тӀекхаччалц шу, шаьш кӀезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“.
11 Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тӀе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхӀудхой хӀаллакбийр бу Аса. 12 Мисар-махка кхалха а, цигахь Ӏан а сацам бина ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш Аса дӀабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дӀакхелхар бу! КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хӀаллакьхир бу. Наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах Ӏадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. 13 Аса Ярушалаймана таӀзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна. 14 Мисар-махкахь Ӏан цига дӀабаханчу яхӀудхойх дийна бисинчарах цхьа а кӀелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхӀуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Ӏожаллех кӀелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цӀа воьрзур вац“».
15 ТӀаккха шайн зударша кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхӀуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой. Цара Ярми-ЯхӀуна жоп делира: 16 «Оха ладугӀур дац ахьа Везачу Элан цӀарах тхуна беанчу хааме. 17 Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хӀума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тӀе вонаш а ца догӀура. 18 Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучуьра севцича, тхан хӀумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хӀаллакдеш дара».
19 Цул тӀаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхӀуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагӀаран сагӀанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!»
20 ТӀаккха Ярми-ЯхӀус шена иштта жоп деллачу дерриг халкъе а – божаршка а, зударшка а – элира: 21 «Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду. 22 Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тӀехь Ӏаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цӀе яккхарца неӀалт олу. 23 Кхечу деланашна аша сагӀанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тӀебаийтина бу».
24 Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Ӏаш болу массо а яхӀудхой, ладогӀа Везачу Элан даше! 25 Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чӀагӀдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дийр ду аьлла йолу чӀагӀо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чӀагӀонаш билггал ларъе! 26 Амма ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхӀудхой: ‘Сайн сийлахьчу цӀарах Ас чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхӀудхочо кхин цкъа а Сан цӀарах чӀагӀо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чӀагӀо йо ас› – бохуш 27 Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гӀо дархьама бийр бац, уьш хӀаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой я мацалло хӀаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. 28 КӀеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхӀуд-махка, туьрах кӀелхьар а бевлла. ТӀаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхӀудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ – Сан я церан. 29 Кхузахь Аса шуна таӀзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чӀогӀа дуйла шуна хоуьйтуш, – боху Везачу Эло, – хӀара билгало гойтур ю шуна. 30- 44:30 ТӀаьххьарнаш 25:1-7. Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраӀ-пирӀун вен гӀерташ болчу цуьнан мостагӀийн кара дӀалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагӀа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀа-ма-валлара’“».
45Дала Барухана чӀагӀо яр
1- 45:1 ТӀаьххьарнаш 24:1; 2 Шерашкахь 36:5-7; Даниал 1:1, 2. Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира: 2 «ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала: 3 „Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’.
4 Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду. 5 Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“».
46Кхечу къаьмнех болу хаамаш
1 Ярми-ЯхӀу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хӀорш бу.
Мисархой эшорах лаьцна болу хаам
2- 46:2-26 ЕшаӀ-ЯхӀу 19:1-25; Яхьазкхиал 29:1–32:32. И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирӀунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирӀунан эскар эшийра яхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь. ХӀара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам:
3 «Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху:
„Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай,
тӀом бан арадовла.
4 Дошлой, шайн говраш тӀе нуьйраш а тахкий,
царна тӀе а ховший, шайн гӀемаш дӀатахка.
Иштта гӀаьгӀнаш тӀедуха,
гоьмукъаш а ирде“.
5 Уьш, кхера а белла, юхабевлла хӀунда го Суна?
Царах доьналла дерш а ма эшна,
юхахьовса а ца кхуьуш,
бевдда боьлхуш ма бу уьш.
Массо а агӀор къемат ма ду царна тӀегӀерташ, –
боху Везачу Эло. –
6 Сиха водуш верг а ведда, кӀелхьарвалалур вац,
ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац.
Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь,
ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.
7 Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду?
Цуьнан хиш санна, тӀехдуьйлуш дерг мила ду?
8 Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а,
хин гаьннаш санна тӀехдолуш а.
Цо боху: „Аса дерриг а латта дӀахьулдийр ду,
цу тӀера ерриг а гӀаланаш а, царна чуьра бахархой а хӀаллакбийр бу“.
9 Дошлой, говраш тӀе ховша!
ГӀудалкхаш чехка хахкийта!
ТӀемалой тӀамана арабаха!
Шайн турсашца болу хушахой а, пӀатӀахой а,
иштта секхаӀедаш дулуш болу лудамхой а,
тӀаме хӀинца арадовла!
10 ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду.
ХӀара де Цо бекхам бо де ду.
Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу.
Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу,
ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду,
хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь
массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.
11 ГалӀаде а гӀой, цигара хьайна молханаш схьаэца,
ва хьоме Мисаран къам!
Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу,
хӀунда аьлча хьуна хила дарба дац.
12 Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду,
хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду.
Цхьа тӀемало вукху тӀемалочух тасалур ву,
ткъа уьш ший а охьавужур ву».
Набухди-Нецар схьавалар
13- 46:13 Ярми-ЯхӀу 43:10-13. Мисар-махкана тӀелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре иштта хаам бира:
14 «ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула,
дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь:
„Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло,
мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.
15 ХӀаллак хӀунда хилла хьан ницкъболу тӀемалой?
Уьш дуьхьал латталур бац, хӀунда аьлча
Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.
16 Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу.
Уьш вовшашна тӀе оьгур бу.
Цара бохур ду: „Дуьло, юхагӀур ду вай
вайн халкъана тӀе а, вайн махкана тӀе а,
хӀаллакдечу туьрах кӀелхьардовлархьама“.
17 Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун
эрна гӀовгӀа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дӀаяхийти“.
18 Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, – боху Паччахьо,
Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, –
лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а,
хӀордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а
цхьа ницкъболу куьйгалхо вогӀур ву шуна.
19 Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хӀума схьагулде,
йийсаре даха кечам бе, хӀунда аьлча
Нуп-гӀала ерриг а яссор ю,
цхьа а стаг шена чохь ца вехаш
ерриг а йохийна хир ю.
20 Мисаран къам чӀогӀа хаза дуьхьарг санна ду,
амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тӀебогӀу.
21 Цо тӀелаьцна балийна болу тӀемалой
дустийначу эсех тера бу.
Уьш шаьш бевдда дӀагӀур бу,
дуьхьаллатта де доцуш, хӀунда аьлча
церан Ӏожаллин де тӀекхаьчна,
царна таӀзар хуьлу де ду тӀедеанарг.
22 Мисаран эскар дедда дӀагӀур ду,
лаьхьано санна хиш-ш а деш,
мостагӀийн эскар улло кхочучу хенахь.
Уьш, шайн карахь дагарш а долуш,
хьун хьакхархой санна, цунна тӀе летар бу.
23 Цара хьокхур ю мисархойн хьун, –
боху Везачу Эло, –
Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а.
ЦӀоз санна, дукха ду мостагӀчун эскар,
уьш багарбина а вер вац.
24 ЮьхьӀаьржачу хӀоттор ду Мисаран къам,
къилбаседехьарчу халкъан карагӀур ду иза».
25 Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таӀзар дийр ду Ну-гӀалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирӀунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирӀунах тешна Ӏаш мел болчарна а. 26 Уьш хӀаллакбан гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тӀаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Ӏаш хир бу», – боху Везачу Эло.
Везачу Эло Шен халкъ кӀелхьардаккхар
27- 46:27, 28 Ярми-ЯхӀу 30:10, 11. «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,
кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка.
Аса хьо генарчу махках кӀелхьардоккхур а ду,
шаьш йийсаре дӀабигначу махкара
хьан тӀаьхьенаш паргӀатйохур а ю.
Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю,
уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу.
Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.
28 Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, –
боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела.
Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш
Аса билггал хӀаллакдийр делахь а,
шу хӀаллак ца деш, дуьтур ду.
Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац,
амма Аса нийсонца Шуна таӀзар дийр ду».
47ПӀелаштамхойх лаьцна болу Везачу Элан хаам
1- 47:1-7 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7. ПирӀун Ӏази-гӀалина тӀелатале хьалха Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера пӀелаштамхойх лаьцна болу хӀара хаам кхаьчна. 2 Иштта боху Везачу Эло:
«Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш,
ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю.
Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе,
гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе.
Цигара нах орца даха буьйлалур бу,
махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу.
3 Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду,
гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю.
Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а,
царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча
гӀора дӀадаьлла болчу цара
шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.
4 Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна,
Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а
дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна.
Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой,
КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.
5 Шайн сингаттам а гойтуш,
Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду,
Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу.
ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш,
дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош,
шайгара боккха сингаттам гайтархьама?
6 „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур,
саццаза таӀзар деш? – боху аша. –
Юхадерзахьа хьайн батта чу,
сацахьа, меттадолахьа“.
7 Амма иза муха соцур ду, нагахь
шега Везачу Эло омра дича?
Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а,
тӀелата омра дина Везачу Эло».
48Муабахойх лаьцна болу Везачу Элан хаам
1- 48:1-47 ЕшаӀ-ЯхӀу 15:1–16:14; 25:10-12; Яхьазкхиал 25:8-11; Ӏамос 2:1-3; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху:
«Декъаза ю Набу-гӀала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела.
Кхиръятим, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, схьалаьцна хир ю.
Цуьнан гӀап, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, йохийна хир ю.
2 Муабин къоман кхин сийлалла хир дац.
Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу:
„Дуьйло, хӀаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш.
Хьо а, Мадмон-гӀала, дӀатийна хир ю,
тур хьуна тӀаьхьадаьлла лелар ду.
3 Хьоронайм-гӀаларчу наха маьхьарий детта:
„Мел бохам бина! Мел чӀогӀа йохийна!“
4 Муабин къам хӀаллакдина ду.
Цуьнан бераш чӀогӀа доьлхуш ду.
5 Лухьайте хьалаболучу новкъахь
адамаш ца совцуш доьлхуш ду.
Хьоронайм тӀера боьдучу новкъахь
гӀайгӀане маьхьарий ду хезаш
мостагӀаша дохор бахьана долуш.
6 Довдалаш, кӀелхьардаккхалаш шайн дахар!
Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.
7 Шайн корматаллех а, шайн бахамах а
тешна шу Ӏийна дела,
йийсаре кхочур ду шу.
Шун дела волу Камош а гӀур ву йийсаре,
шеца динан дай а, элий а буьгуш.
8 ХӀора гӀали чу хӀаллакдеш верг вогӀур ву,
цу гӀаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц.
ТогӀеш а хӀаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю.
Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.
9 Муабин къомана тӀемаш лойша,
иза, тӀема а баьлла, дӀабахийта.
Цуьнан гӀаланаш яссалур ю,
хӀунда аьлча цу чохь Ӏен стаг хир вац».
10 (НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)
11 Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.
12 Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю. 13 ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра.
14 Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду,
тӀом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?
15 Бассалуш бу Муаби-мохк,
цуьнан гӀаланаш а ю йогуш,
цуьнан тоьлла кӀентий а бу хӀаллакьхуьлуш, –
боху Шен цӀе массо а ницкъийн
Веза Эла йолчу Паччахьо. –
16 ТӀекхочуш ду Муабин къам хӀаллакьхилар,
бохам цунна тӀекхача сихбелла.
17 Тийжар хӀоттаде цу къоман дуьхьа,
цунна гонах мел Ӏаш долчу къаьмнаша а,
цуьнан цӀе евзаш мел долчу халкъаша а.
Ала: „Маржа-яӀ! Нуьцкъала къам дӀадаьлла,
цуьнан сийлалла хӀинца дайна лаьтта“.
18 Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара,
лаьттарчу чена юккъе охьаховша.
Муаби-мохк хӀаллакбийриг хьуна тӀелета,
ткъа Цо шун массо а гӀепаш йохор ю.
19 ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш,
некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса.
ДӀауьдуш болчу божаршка а,
кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а
хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“
20 ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Муабин къам,
хӀунда аьлча иза дохийна.
Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула
дӀахаийта Муабин къам хӀаллакдина хилар.
21 ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а, 22 иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна, 23 Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна, 24 Кхиръют-гӀалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна. 25 Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло.
26 Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош. 27 Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?
28 Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила. 29 Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду. 30 Суна девза цуьнан дозалла дар, – боху Везачу Эло, – ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац. 31 Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву. 32 Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира. 33 Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.
34 Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна. 35 Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.
36 Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла. 37 ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю. 38 Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, – боху Везачу Эло. – 39 Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».
40 Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула. 41 Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду. 42 Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. 43 Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – 44 Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – 45 Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира. 46 Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.
47 Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.
49Ӏамминан къомана тӀехь кхел яр
1- 49:1-6 Яхьазкхиал 21:28-32; 25:1-7; Ӏамос 1:13-15; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Ӏамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш? 2 Зама тӀекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, – боху Везачу Эло. 3 Делха, Хьешбонан бахархой: хӀаллакйина ГӀай-гӀала. Тийжа, Рабба-гӀалин зударий, шайна тӀе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гӀалин пенашна юккъехь дӀасауьдуш хила, хӀунда аьлча мостагӀчо МилкӀом йийсаре дӀавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. 4 ХӀунда до аша шайн тогӀех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Ӏаш, хьуна моьтту, хьуна тӀелата цхьа а ваьхьар вац. 5 Амма Ас массо а хьан маьӀӀера хьуна тӀе къемат доуьйтур ду, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, – тӀаккха шу дӀадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац.
6 Амма тӀаьхьа Аса Ӏамминхойн аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
Эдоман къомана тӀехь кхел яр
7- 49:7-22 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; 63:1-6; Яхьазкхиал 25:12-14; 35:1-15; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гӀалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДӀадаьлла те церан хьекъал? 8 Дадданан бахархой, бовдий, дӀагӀо кхузара, хьехаш чохь дӀаловчкъа, хӀунда аьлча Ӏесаван тӀаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таӀзар даран хан схьакхаьчна. 9 Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багӀахь, таьллангаш тӀехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багӀахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? 10 Амма Аса Ӏесаван тӀаьхьенан мел долу хӀума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дӀалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дӀабохур бу. Эдоман тӀаьхьенах цхьа а вуьтур вац. 11 Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду».
12 Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таӀзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таӀзар даза хьо хӀунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таӀзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таӀзаран кад мер бу! 13 Аса Сайх чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю».
14 Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тӀе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тӀамца чугӀорта. 15 Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. 16 Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Ӏеха ма делла. Тархийн чӀажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а хьо Ӏаш ду, амма хьан цӀенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дӀа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло.
17 «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. 18- 49:18 Доладалар 19:24, 25. Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонахара гӀаланаш а йохийна дӀаяьхначул тӀаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. 19 Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана эдомхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург а оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур ву Суна дуьхьал? 20 ЛадогӀал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гӀалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дӀакхоьхьур бу аьлла. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. 21 Эдом южуш яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хӀорд болчу кхаччалц дӀахезаш хир ду. 22 Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тӀедеанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Бацар-гӀалина тӀехула. Эдомхойн тӀемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».
Дамасакхана тӀехь кхел яр
23- 49:23-27 ЕшаӀ-ЯхӀу 17:1-3; Ӏамос 1:3-5; Закри-ЯхӀу 9:1. Везачу Элера хӀара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Хьамат-гӀала а, Арпад-гӀала а, хӀунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХӀорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гӀайгӀанехь хиларна церан синтем а бац. 24 Дамасакх-гӀалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дӀабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гӀайгӀано а, лазаро а уьш дӀалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. 25 Сан сакъералуш хиллачу, гӀараяьллачу гӀалара нах дӀа хӀунда ца бевдда? 26 Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тӀемалой а хӀаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 27 Ас цӀе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цӀеро Бен-Хьадид-паччахьан гӀепаш дӀакхоллур ю».
Къедарна а, Хьацорана а тӀехь кхел яр
28 Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тӀаьхьенна тӀамца тӀегӀорта, хӀаллакдай, дӀадаккха малхбалехьара долу халкъ. 29 Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагӀаша дӀахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агӀор къемат ду шуна тӀегӀерташ!“
30 ДӀадовда, сихха дӀагӀо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дӀаловчкъа, – боху Везачу Эло. – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тӀелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хӀара ойла йина. 31 „ХьалагӀовтта, машарехь Ӏаш долчу, цхьана а хӀуманна гӀайгӀа а ца беш Ӏаш долчу халкъана тӀелата, – боху Везачу Эло. – Я неӀарш а, я гӀораш а цуьнан гӀаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Ӏаш бу“.
32 МостагӀаша церан эмкалш дӀайохур ю, церан даьхний дӀалачкъор ду. И шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болу нах Ас массо а маьӀӀехула дӀасабаржор бу, массо а маьӀӀера царна тӀе бохам хьажор бу Аса, – боху Везачу Эло. – 33 Хьацор иштта чангӀалкхийн бен хилла дӀахӀуттур ю, массо а ханна яьсса аре а хилла. Адам цигахь цкъа а дехар а дац, цхьа а стаг цигахь соцур а вац».
Ӏейламна тӀехь кхел яр
34 ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Ӏейламан бахархойх лаьцна бара. 35 Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Ӏейламан секхаӀадкхоссархой хӀаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ. 36 Ас Ӏейламана тӀе иштта стигалан еа маьӀӀера биъ мох тӀехьажор бу. Иштта массо а меттехула дӀасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Ӏейламхой тӀе ца дуссуш. 37 Церан мостагӀех а, уьш хӀаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Ӏейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чӀогӀа дералла царна тӀе а ерзор ю, – боху Везачу Эло. – Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, уьш берриш а хӀаллакбина дӀабаххалц. 38 Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хӀаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гӀант дӀахӀоттор ду Ӏейлам-махкахь, – боху Везачу Эло. – 39 Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Ӏейламан къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
50Бавелах лаьцна болу хаам
1- 50:1–51:64 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:1–14:23; 47:1-15. Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу:
2 «Массо а халкъашка дӀахаийта,
байракх хьала а айъаяй,
къайла а ца доккхуш, дӀадийца:
„Бавел-гӀала схьаяьккхина,
Вел-харцдела юьхьӀаьржачу хӀоьттина,
Мардух-харцдела дог доьхна ву,
Бавелан суьрташ юьхьӀаьржачу хӀиттина,
цуьнан цӀуш дог доьхна а бу“.
3 Къилбаседера къам Бавел-махкана тӀегӀертар ду, цунах яьсса аре а йина, дӀа а хӀоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дӀагӀур ду».
4 «Оцу деношкахь, и хан тӀекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. 5 Цара Цийон-ломана тӀе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агӀор дӀа а хьоьжуш, уьш цига гӀур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.
6 Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагӀий санна, дара. Церан Ӏуша, нийсачу новкъа тӀера дӀа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дӀасалаьхкинера уьш. Лам тӀера гунна тӀе довлуш, шайн Ӏаш йолу меттиг а йицйина, дӀасалелара уьш. 7 Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагӀаша бохура: „Тхо бехке дац, хӀунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Ӏаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Ӏаш бара“.
8- 50:8 Довзийтинарг 18:4. ДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта. 9 Ас къилбаседехьара Бавелна тӀе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дӀахӀуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагӀийн пхерчий дика тӀемалой санна ду, тӀам тӀера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу. 10 Хашадхойн берриг а махкахула хӀонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хӀонсах Ӏаьбна хир бу», – боху Везачу Эло.
Бавел йожар
11 «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу. 12 Амма хӀинца шун нана юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кӀезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду. 13 Везачу Элан оьгӀазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГӀалина уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.
14 Бавелна го а бай, тӀамана кечло. СекхаӀедаш кхуьссурш, гӀалехьа дӀахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна. 15 ТӀеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дӀахӀитта. Тахана ша мостагӀийн кара дӀаелла Бавел-гӀалано, йохийна цуьнан бӀаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тӀехь деш дерг аша а де цунна тӀехь. 16 ХӀаллакве Бавел-махкахь латта дӀадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагӀийн туьрах кӀелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хӀорра а шен къам долчу юхаверза веза, хӀорра а шен махка ведда дӀаваха веза».
Исраилан халкъ юхадерзар
17 «Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьӀӀехула дӀасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дӀакхаьллина, тӀаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьӀахкаш аьтта». 18 Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таӀзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таӀзар ма-дарра. 19 Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тӀехь а, ГалӀадехь а дузур ду. 20 Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
Бавелан къомана тӀехь кхел яр
21 «ТӀелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тӀаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хӀаллакбе, – боху Везачу Эло. – Аса шайна тӀе мел диллинарг де. 22 ТӀеман а, боккхачу бохаман а гӀовгӀа ю массо а махкахула схьахезаш ерг. 23 Ма йохийна, кагйина дӀаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! 24 Ас гураш доьгӀнера хьуна, Бавел, хӀинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дӀалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дӀалаьцна. 25 Везачу Эло Шен дӀадуьллийла йолчуьра оьгӀазаллин герзаш схьаэцна, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гӀуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тӀехь. 26 Массо а маьӀӀера Бавелна тӀе гӀорта! НеӀарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Ӏалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хӀума, буха ца дуьтуш, дохадай, дӀадаккха. 27 Массо а тӀемалой, байий, дӀабаха! Стерчий санна, байархьама дӀабига уьш! Къа ду церан! Царна таӀзар дан деза де тӀекхаьчна».
28 (КӀелхьардовлархьама Бавел-махкара дӀаидинчу адамаша бохучуьнга ладогӀа! Цийон-лам тӀе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цӀенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)
29- 50:29 Довзийтинарг 18:6. «Бавел-гӀалина тӀелата схьакхайкха массо а секхаӀад карахь долчаьрга. Схьаваийта хӀора секхаӀад дула хууш верг. ГӀалина го бе, цигара цхьа а ведда кӀелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хӀунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! 30 Кегий нах хӀаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тӀемалой а бойур бу», – боху Везачу Эло.
31 «Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан. 32 Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагӀатта цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац. Ас цуьнан гӀаланех цӀе латор ю, цу цӀеро гонах массо а хӀума дагийна дӀадоккхур ду».
33 Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхӀудхошна а гӀело йо. Уьш дӀабигна массара а дӀалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа. 34 Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».
35 Везачу Эло боху:
«Тур тоха хашадхошна!
Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна,
церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
36 Тур тоха церан динан дайшна,
уьш кхетамчуьра а бохуш.
Тур тоха церан тӀемалошна,
уьш къематах а бузуш.
37 Тур тоха церан говрашна а, гӀудалкхашна а,
шайна юкъахь болчу тӀелаьцначу тӀемалошна а,
уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш.
Тур тоха церан хазнашна,
уьш хӀонс санна дӀаса а йохуьйтуш.
38 Йокъа хӀоттае Бавеларчу хишна тӀе,
уьш долу меттигаш якъа а еш,
хӀунда аьлча Бавел – цӀуйн мохк бу,
ткъа оцу дегазчу цӀуша уьш хьерабоху.
39- 50:39 Довзийтинарг 18:2. Яьссачу аренийн акхарой а, чангӀалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухӀанаш а хир ю кху лаьтта тӀехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Ӏаш хир вац. 40- 50:40 Доладалар 19:24, 25. Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дӀаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац.
41 Хьовсал, къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду,
дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.
42 Церан карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду,
уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу.
Уьш говрашкахь богӀучу хенахь,
карзахбаьллачу хӀордах тера бу.
Хьоьца тӀом бан кийча бу уьш.
Церан Ӏалашо – хьуна тӀелатар ю, Бавел.
43 Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча,
цуьнан куьйгаш гӀелделла охьадахара.
Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна,
боккха бала бара цуьнгахь.
44 Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана бавелхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур вара Суна дуьхьал? 45 ЛадогӀал Веза Эла волчу Ас Бавел-гӀалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дӀакхоьхьур бу. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш. 46 Бавел схьаяьккхина яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дӀахезаш хир ду».
51Бавелан къомана тӀехь кхин а кхел яр
1 Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан+ 51:1 *Лев-Кхамайн-мехкан*– иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу «хашадхойн» кхин цӀе ю.* бахархошна а тӀе хӀаллакбо мох хьокхуьйтур бу. 2 Хийра нах Ас Бавелан къомана тӀегӀуртуьйтур бу. ИрхдугӀучу хенахь кегаш мохо дӀахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тӀе бохам бечу дийнахь массо а агӀор оцу махкана го бийр бу цара. 3 СекхаӀад кхуссучарна шайн Ӏад дула я шайн гӀаьгӀнаш тӀедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хӀаллакде! 4 Хашадхойн лаьтта тӀехь Ӏохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тӀехь Ӏохкур бу». 5 Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, йисина Ӏаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а. 6 Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю. 7- 51:7 Довзийтинарг 17:2-4; 18:3. Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагӀар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тӀаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. 8 Амма цӀеххьана буьйжира Бавел-мохк, хӀаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. 9- 51:9 Довзийтинарг 18:5. «Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».
10 Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахӀиттийна, ткъа вай хӀинца, Цийон-лам тӀе а дахана, дӀадийца деза вайн Везачу Дала динарг».
11 Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хӀунда аьлча Иза Бавелан къам хӀаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цӀенна динарг бахьана долуш.
ТӀеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! 12 Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гӀалин пенашна тӀелата, гӀарол а чӀагӀде, массо а меттехь гӀаролхой дӀа а хӀиттош, мостагӀчунна кӀелонаш а кечъе!»
Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. 13- 51:13 Довзийтинарг 17:1. Дукха хишна уллохь Ӏаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гӀала, хьан чаккхе тӀекхаьчна, хьан дахар дӀахеда хан тӀееана. 14 Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чӀагӀо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цӀоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тӀехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».
Дела хаставаран йиш
15 Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина,
Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина,
Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
16 Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо.
Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо.
ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш туху,
Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
17 ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву.
ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво.
Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац,
церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
18 Церан цхьа а тайпана мах бац,
уьш беламна йина ю.
Кхел ечу хенахь
уьш тӀепаза йовр ю.
19 Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац,
хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву,
ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду.
Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Везачу Элан варзап
20 Везачу Эло боху:
«Бавел, хьо – Сан тӀеман диг ду,
хьо – Сан тӀеман герз ду.
Хьоьца Ас халкъаш а хьошура,
хьоьца Ас пачхьалкхаш а хӀаллакйора.
21 Хьоьца Ас говр а, цунна тӀера бере а хьошура,
хьоьца Ас гӀудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,
22 хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура,
хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура,
хьоьца Аса кӀант а, йоӀ а хьошура,
23 хьоьца Ас Ӏу а, жа а хьошура,
хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура,
хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».
Бавелна дина таӀзар
24 «Ткъа хӀинца ЯхӀудхойн бӀаьргашна хьалха Ас дӀадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тӀехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – 25 Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хӀаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тӀе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тӀера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. 26 ЦӀийнан сонна я цӀийнан бухана хьох цхьа а тӀулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дӀахӀуттур ю», – боху Везачу Эло.
27 «ТӀеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маӀа лакха! Бавел-гӀалина тӀелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тӀехь баьчча хӀоттаве, цӀоз санна дукха говраш а хилийта. 28 Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш. 29 Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Ӏаш доцуш дассийна латта дан лаьа. 30 ТӀом бечуьра сецна Бавелан тӀемалой, уьш чӀагӀйинчу меттигашкахь сецна Ӏаш бу. Ницкъ дӀа а баьлла, уьш зударий санна хилла дӀахӀиттина. ГӀаланийн зайлаш бохийна дӀабаьхна, ткъа церан цӀенош догуш ду. 31 Цхьа геланча вукху геланчина тӀаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гӀала массо а маьӀӀера дӀалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогӀу. 32 Хиш тӀера массо а дехьаволийла дӀалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тӀемалой кхерамо Ӏадийна». 33 Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КӀа ара кечъечу хенахь ког таӀош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тӀекхочур ю».
34 «Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара
тхо, дӀа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина.
Цо тхо яьсса пхьегӀа санна дӀахӀиттийра.
Саьрмико санна, цо тхо, дӀа а кхаьллина,
тхан уггар дикачух шен кийра бузийра,
ткъа йисинарг дӀакхоьссира.
35 Тхуна массарна а йинчу къизаллех
Бавелан къам жоьпе озадойла, –
боху Цийонан бахархоша. –
Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан
бахархой жоьпе озабойла», –
боху ярушалаймхоша.
Везачу Эло Исраил-махкана гӀо дар
36 Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. 37 Бавел тӀулгийн оьла хилла дӀахӀуттур ю, цунах чангӀалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. 38 Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гӀигӀ деш лела. Церан гӀигӀ дар лоьман кӀорнин санна ду. 39 Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хӀоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тӀекхаччалц. Цул тӀаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – 40 Аса уьш сагӀа даккха кечдина Ӏахарий а, уьстагӀий а, гезарий а санна дӀахьур бу».
Бавелан кхоллам
41 Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак!+ 51:41 *Шейшак *– иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу Бавел-мехкан кхин цӀе ю.* Ма дӀалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь! 42 Бавелна тӀехула хӀорд баьржина, гӀергӀаш йолчу тулгӀенаша иза дӀахьулйина. 43 Цуьнан гӀаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дӀахӀоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гӀаланашна чухула. 44 Ас Бавелехь таӀзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дӀа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац!
Бавелан пенаш а охьаэгна ду. 45 Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХӀораммо а шен са кӀелхьардаккха Везачу Элан чӀогӀачу оьгӀазлонах. 46 Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь – важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш. 47 Иштта тӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Ӏохкуш хир ду. 48- 51:48 Довзийтинарг 18:20. Цул тӀаьхьа стигал а, латта а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хӀунда аьлча къилбаседехьара хӀаллакдо эскарш тӀелетар ду, – боху Везачу Эло. 49- 51:49 Довзийтинарг 18:24. Бавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хӀаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хӀаллакбан беза».
Бавелехь бехаш болчу исраилхойх лаьцна хаам
50 «Туьрах кӀелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дӀадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». 51 Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чӀогӀа эхь хетара. Везачу Элан цӀийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттина дара». 52 Везачу Эло боху: «ТӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тӀехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. 53 Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чӀагӀонаш йина хилча а, Ас тӀаккха а цунна тӀе нах хьажор бара и гӀала йохаяйта», – боху Везачу Эло.
Бавел кхин дӀа а яссор
54 Везачу Эло боху:
«ЛадогӀа! Белхар ду Бавелера схьахезаш,
йоккхачу йохоран гӀовгӀа хеза хашадхойн махкара.
55 Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гӀала,
цунна чохь мел йолу гӀовгӀа дӀа а туьйш.
Яккхий тулгӀенаш санна, мостагӀий цунна тӀегӀертар бу,
церан буьрса маьхьарий дӀа а хозуьйтуш.
56 Бавел йохорхьама эскар цунна тӀегӀертар ду.
Цуьнан тӀемалой йийсаре буьгур бу,
кегдина хир ду церан секхаӀедаш.
Веза Эла – бекхаман Дела ву,
Цо кхоччуш бекхам бийр бу.
57 Ас малор ду церан баьччанашна а,
хьекъалчашна а, мехкадайшна а,
меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тӀемалошна а.
Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» –
боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.
58 Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло:
«Бавелан стаммий пенаш баххаш тӀе кхаччалц дохор ду,
цуьнан лекха кевнаш а цӀерца дагор ду.
Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду,
къаьмнаша бина болх цӀеро багийна хир бу».
Ярми-ЯхӀус бина болу Делера хаам Бавеле бахьийтар
59 ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла до доьалгӀачу шарахь Сари-ЯхӀу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхӀу Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀант вара, ткъа иза паччахь Ӏаш волу меттигаш Ӏалашйийриг вара. Ярми-ЯхӀу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дӀабелира. 60 Ярми-ЯхӀус Бавелна тӀекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тӀе дӀаязбинера. 61 Сари-ЯхӀус Ярми-ЯхӀуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тӀаьхьа хӀара дерриг а цигахь дӀадешалахь, иза массарна а дӀа а хозуьйтуш. 62 Цул тӀаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хӀара меттиг хӀаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Ӏойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дӀа а хӀоттош“. 63- 51:63, 64 Довзийтинарг 18:21. Хьо и тептар дӀадешна ваьлча, цунах тӀулг дӀа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса. 64 Изза Бавел-гӀалина а хир ду: иза кхин хьалагӀатталур йоцуш хи буха гӀур ю, Везачу Эло цунна тӀе бен болу бохам бахьана долуш».
Цу тӀехь Ярми-ЯхӀун дешнаш чекхдовлу.
52Ярушалайм йожар
(ТӀаьххьарнаш 24:18–25:7)
1 ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 2 ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен дас ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 3 Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла.
Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. 4- 52:4 Яхьазкхиал 24:2. ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама. 5 ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм. 6 Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера. 7- 52:7 Яхьазкхиал 33:21. МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара. 8 Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира. 9 Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира. 10 Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь. 11- 52:11 Яхьазкхиал 12:13. Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира.
Везачу Элан цӀа дохор
(ТӀаьххьарнаш 25:8-17)
12 Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 13- 52:13 Сулим 9:8. Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра. 14 Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 15 Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. 16 Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.
17- 52:17-23 Сулим 7:15-47. Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. 18 Цара иштта дӀаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. 19 Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, сагӀанийн боганаш а. 20 Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, шийтта цӀастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. 21 ХӀора бӀогӀам берхӀитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бӀогӀамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пӀелг шуьйра дара. 22 Хьалхарчу бӀогӀамна тӀехь цӀастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта дина цӀестан наран стоьмаш. 23 Массо а агӀор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тӀехь уьш бӀе бара.
ЯхӀудхой Бавел-махка дӀакхалхар
(ТӀаьххьарнаш 25:18-21, 27-30)
24 Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. 25 ГӀалахь кхидӀа бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам а, паччахьан ворхӀ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 26 Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. 27 Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.
Иштта яхӀудхой шайн махках бехира, йийсаре дӀа а бигина. 28 ХӀоккхул адам шен цӀера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхӀалгӀачу шарахь ЯхӀуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. 29 Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь Ярушалаймера бархӀ бӀе ткъе шийтта стаг араваьккхира. 30 Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагӀчу шарахь Набузар-Адана ЯхӀуд-махкара ворхӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дӀавигнарг виъ эзар ялх бӀе стаг вара.
31 ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь. 32 Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира. 33 ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. 34 ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора.