Мехкан куьйгалхой

Дешхьалхе

Мехкан куьйгалхой цӀе йолу тептар Исраилан халкъан историх долчу дийцарех дуьзна ду. Исраил-махкахь Ӏедал доцуш хиллачу заманах лаьцна ду и дийцарш: халкъ КанаӀан-махкана чудогӀучу хенахь дуьйна, пачхьалкх дӀахӀутту хан тӀекхаччалц. «Мехкан куьйгалхой» цӀе йолчу турпалхойх лаьцна ду и дийцарш. Дукха хьолахь тӀеман хьаькамаш бара и мехкан куьйгалхой. Уггар гӀарабевллачарах цхьаъ Шамшон вара. Цуьнан гӀуллакхаш дӀаяздина ду 13-чу коьрта тӀера дуьйна, 16-чу коьртана тӀекхаччалц.

Цу тептаран коьрта хьехам иштта бу: Исраилан халкъан кӀелхьардалар Далла тешаме хиларца доьзна ду. Ткъа массо а хенахь тешам боцуш хиларо бохамна тӀедугӀу иза. Цул сов, кхин цхьа хьехам а бу цу тептар тӀехь: халкъ Далла тешаме а ца хилла, бохам баьлча, Дела даим кийча хилла Шен халкъ кӀелхьардаккха, иза, дохко а даьлла, Шена тӀе юхадирзича.

1

ЯхӀуда канаӀанхошца тӀом бо

1 ЮшаӀ кху дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаӀанхошца тӀом бан?» – аьлла.

2 Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш гӀур бу. Аса хӀара мохк церан кара дӀабелла».

3 Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а, 4 ЯхӀудан тайпа а цхьаьна тӀамца тӀедахара цига. Везачу Эло царна гӀо дира канаӀанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гӀалахь итт эзар стаг вийра цара. 5 Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаӀанхой а, перезахой а эшийра цара. 6 Адани-Безакх ведда кӀелхьарвала гӀоьртира, амма кхара, цунна тӀаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пӀелгаш дехира. 7 Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.

ЯхӀуд-тайпано Ярушалайм а, Хьеврон а эшайо

8 ЯхӀудан тӀаьхьено Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гӀала ягийра. 9 Цул тӀаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегӀаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тӀехь а бехаш болчу канаӀанхошца тӀом бан бахара. 10 ЯхӀудан тӀаьхье Хьевронехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан яхара (хьалха Хьеврон-гӀалин цӀе Кхиръят-АрбаӀ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.

Дибар-гӀала эшор

(ЮшаӀ 15:13-19)

11 Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). 12 Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса». 13 Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира. 14 Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла+ 1:14 *Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла *– Грекийн гочдар тӀехь: *Ӏотниал волчу яхача, иза шен дега Килабе латта деха деза аьлла, тешийра цо.*. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?»

15 Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна.

Кхиболу тӀемаш

16 Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара+ 1:16 *Хурма-диттийн гӀала *– иза Ерихон-гӀала ю.* дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш. 17 ЯхӀудхой шимӀахошца цхьаьна Цепат-гӀалахь бехаш болчу канаӀанхошна тӀелетира, ерриг гӀала йоха а еш. Цундела тиллина цу гӀалин цӀе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду). 18 ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира. 19 Веза Эла ЯхӀуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хӀунда аьлча цаьргахь аьчка гӀудалкхаш яра. 20 Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дӀаелира, ткъа цо Ӏаьнакхан кхо кӀант цигара лаьллина дӀавахийтира. 21- 1:21 Дауд 5:6; 1 Шерашкахь 11:4. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дӀа ца лахкабелира. Уьш хӀинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тӀаьхьенна юкъахь бехаш бу.

Юсупан тӀаьхьено Бетал-гӀала эшор

22 Юсупан тӀаьхье Бетал-гӀалина тӀелетира. Веза Эла цаьрца вара. 23 Юсупан тӀаьхьено нах бахийтира, Бетал-гӀалина таллам бе аьлла (хьалха цу гӀалин цӀе Луз хилла). 24 Тергам беш болчарна, цу гӀалара ара а ваьлла, схьавогӀуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГӀалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна». 25 Цо царна гӀалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тӀаьхьенах болчара цу гӀалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дӀабахийтира. 26 Иза, хьетахойн латта долчу дӀа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цӀе йолу гӀала. И цӀе хӀинца а йоккхуш ю.

Махкара ара ца дахаделла къаьмнаш

27 Цхьаболу канаӀанхой Байт-Шан, ТаӀнак, Дор, ИбалӀам, МагӀидда олучу гӀаланашкахь Ӏаш бара. Маннашан тӀаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаӀанхой цигахь баха бисира. 28 Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира.

29 Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГӀазарахь бехаш болу канаӀанхой цу лаьтта тӀера дӀабаха. Эпрайман тӀаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира.

30 Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахӀлалахь а Ӏаш болу канаӀанхой дӀабахийта. Шайн латтанаш тӀера дӀа а ца бахабелла, Забулан тӀаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дӀахӀиттийнехь а.

31 Ашарарчу халкъо а дӀа ца лаьхкира Ӏакхора а, ЦӀаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой. 32 Ашаран некъий цу махкара болчу канаӀанхошца бехаш Ӏаш бара, хӀунда аьлча уьш цаьрга цигара дӀа ца лахкабелира.

33 Напталан наха а ца лаьхкира дӀа Байт-Шамашера а, Байт-Ӏанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш.

34 Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура. 35 Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тӀе баха ховша – Айлонехь а, ШаӀалбанахь а. Амма тӀаьхьо Юсупан тӀаьхье чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура.

36 Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цӀе йолчу ламанан Ӏинна тӀера СилаӀана тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.

2

Везачу Элан Малик Бухимехь

1 Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац. 2- 2:2 Арадаккхар 34:12, 13; Карлабаьккхинарг 7:2-5. Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза? 3 Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“». 4 Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дӀахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дӀахӀоьттира. 5 Цундела ю цу меттиган цӀе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагӀанаш дехира.

ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа хилларг

6 ЮшаӀа исраилхой дӀасабахийтира. ХӀора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дӀавахара. 7 ЮшаӀ дийна мел ву, Везачу Элана гӀуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гӀуллакх деш схьабаьхкира уьш. 8 Везачу Элан лай волу Нунин кӀант ЮшаӀ дӀакхелхира шен бӀе итт шо долчу хенахь. 9 Исраилан халкъо иза шен лаьтта тӀехь Тамнат-Хьарасехь дӀавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаӀаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг. 10 И массо а тӀаьхье дӀаяьлча, царах схьабевлла нах тӀекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гӀуллакх а ца хаьара.

Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏибадат дечуьра сацар

11 ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш. 12 Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира. 13 Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира. 14 Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира. 15 Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.

16 Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. 17 Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам. 18 Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. 19 Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чӀогӀа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чӀогӀа юхахьадаьлла, шаьш дӀахьош болчу харцнекъана тӀера дала лууш дацара. 20 Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогӀуш ду, цо Соьга ла ца дугӀу. 21 ЮшаӀ веллачул тӀаьхьа цо кхузахь тӀаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хӀинцачул тӀаьхьа дӀакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш. 22 Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тӀехула дӀадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара». 23 Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дӀа ца лохкуш, ЮшаӀан кара а ца дахийтира.

3

Лаьтта тӀехь дисина къаьмнаш

1 Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. 2 Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама. 3 Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. 4 И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш. 5 Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь. 6 Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.

Мехкан хьалхара куьйгалхо волу Ӏотниал

7 Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара. 8 Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь. 9 ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира. 10 Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман+ 3:10 *Арам-мохк *– иза хӀинцалерачу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.* паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира. 11 Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира.

Мехкан куьйгалхо волу АхӀуд

12 Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна+ 3:12 *ӀегӀлон *– и цӀе «берстина етт» бохург ду.* Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира. 13 Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош. 14 Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь.

15 Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна. 16 Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера. 17 АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара. 18 СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира. 19 Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду».

«ЛадогӀалаш! ДӀате!» – элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира.

20 АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира. 21 АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира. 22 Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира. 23 АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш. 24 Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь». 25 Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна.

26 Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира. 27 Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира. 28 АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. 29 Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш. 30 Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь.

Мехкан куьйгалхо волу Шамгар

31 Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра.

4

Мехкан куьйгалхо йолу Дебира

1 АхӀуд веллачул тӀаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. 2 ТӀаккха Везачу Эло канаӀанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тӀеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра. 3 Сисрин эчигах йина исс бӀе гӀудалкх яра. Цо ткъа шарахь чӀогӀа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира.

4 Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра. 5 Иза Дебирин хурмин диттана кӀелахь охьахуура. И дитт Раминий, Бетал-гӀалиний юккъехь, Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ дара. Дебира йолчу исраилхой богӀура цуьнга шайна юкъахь кхел яйта. 6 Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуӀаман кӀант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тӀедуьллу: „Ваха а гӀой, Напталинний, Забуланний тӀаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тӀе дӀабига. 7 Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш а, эскар а, цига дӀа а далийна, хьан кара дӀалур ду“».

8 Баракха Дебирига элира: «Хьо соьца ягӀахь, со цига гӀур ву, ца ягӀахь, гӀур вац».

9 Дебирас цуьнга элира: «Со-м йогӀур ю хьоьца, амма хаалахь: Сисра эшийначул тӀаьхьа халкъо сий деш верг хьо хир вац хьуна. Везачу Эло зудчуьнга эшавойтур ву Сисра». Дебира Баракхца Кхедаш-гӀала дӀаяхара. 10 Баракха Забулан а, Напталан а тӀаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тӀаьхьахӀоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.

11 Цигахь, Хьебар цӀе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дӀакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тӀаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаӀнаним цӀе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дӀахӀоттийнера.

12 Сисрина хиира, Аби-НуӀаман кӀант Баракх Табур цӀе йолчу лам тӀе ваьллийла. 13 Шен эчигах йина йолу исс бӀе гӀудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дӀахьажийра цо.

14 Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тӀера охьавоьссира. 15 Баракха туьраца беш болчу тӀамехь Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш тӀехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хӀун дан деза. Ткъа Сисра, гӀудалкха тӀера охьа а воьссина, гӀаш ведда дӀавахара. 16 Сисрин гӀудалкхашна а, эскарна а тӀаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дӀабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш.

17 Сисра Хьебаран зудчун ЯӀалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цӀа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Ӏаш дара. 18 ЯӀал Сисрина дуьхьал араелира. Цо цуьнга элира: «Чувола со йолчу, сан эла. Кхера а ца кхоьруш, чоьхьавала». Сисра цуьнан четар чу велира. ЯӀала цунна тӀе шаршу тесира. 19 Сисрас цуьнга элира: «Со чӀогӀа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯӀала, шура чохь йолу пӀаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тӀе хӀума тесира. 20 Сисрас ЯӀале элира: «Четарна чувогӀийла долчу дӀа а хӀоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“ – аьлла, хаттар дахь, „Вац“ – алий, жоп лолахь».

21 ЧӀогӀа кӀадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯӀал, четар чӀагӀдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тӀе яхара. Сисра лаьттах дӀа а тухуш, лергъагӀонна тӀе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира. 22 Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯӀалан четарна тӀе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯӀала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагӀонах боллуш хьокха а болуш, велла Ӏуьллуш волу Сисра.

23 Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхахь эшийра канаӀанхойн паччахь волу Ябин. 24 Исраилан халкъ де дийне мел дели а ницкъ алсамболуш лаьтташ дара, цара Ябин хӀаллаквина дӀаваккхалц.

5

Дебирин назма

1 Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуӀаман кӀанта Баракхий хӀара назма элира:

2 «Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а,

халкъ лараме хьалагӀаттарна а,

хаставе Веза Эла!

3 ЛадогӀалаш, паччахьаш!

Тергаме хилалаш, хьалдолу нах!

Хьуна дӀаолу аса хӀара назма, ва Веза Эла.

Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас.

4 Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла,

Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь,

латта дегош дара,

стигалш тӀадамаш ледош яра,

мархаш догӀа Ӏенош яра.

5- 5:5 Арадаккхар 19:18. Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь,

ур-атталла хӀара Синай-лам а бегабора

Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха.

6 Ӏанатин кӀант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а,

ЯӀалан заманашкахь а

некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара,

ткъа некъаш даьсса дара.

7 Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Ӏийра,

со, Дебира, гӀатталц, ца Ӏийра цигахь нах,

Исраилан халкъан нана со хилла дӀахӀотталц.

8 Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича,

гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира.

Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь

я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.

9 Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду.

Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагӀевттинчаьрца ду.

Хастам хуьлийла Везачу Элана!

10 КӀайн варраш тӀехь дӀадоьлхурш а,

нуьйра тӀехь хиъна Ӏийраш а,

гӀаш дӀадоьлхурш а,

ойла елаш Везачу Эло диначун!

11 Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш.

Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу,

Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна:

Хьала а гӀаьттина, Везачу Элан халкъ гӀалин кевнашна тӀедахара.

12 ХьалагӀатта, Дебира, хьалагӀатта!

Хьайн назма дӀаала!

ХьалагӀатта, Аби-НуӀаман кӀант Баракх,

шайна йийсар динарш схьалеца!

13 ТӀаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал.

Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира.

14 Ӏамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогӀура,

ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тӀаьхьа хӀиттина.

Макир волчуьра схьабогӀура куьйгалхой,

Забулан тӀаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина.

15 Иссарханан элий а Дебирица бара,

Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара.

Цунна тӀаьхьа тогӀи чу араделира иза.

Раабанан тайпанна юкъахь

доккха дар-дацар дара лаьтташ.

16 ХӀунда Ӏа хьо гӀотанашна юкъахь хиъна,

бажа Ӏоьхуш ла а доьгӀуш?

Раабанан тӀаьхьенна юккъе

даккхий дар-дацарш ма деана.

17 ГалӀадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира.

Ткъа Данан тайпа хӀунда дисира хинкеманашца?

Ашаран тайпа хӀордан йистехь дисира,

йисте догӀийла йолчохь.

18 Амма Забулан а, Напталан а халкъаша,

шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тӀом бира.

19 Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира,

канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира.

ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла,

амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара.

20 Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ.

Уьш шайн некъашкахь Сисрица тӀом беш дара.

21 Къишун-хино дӀабаьхьира уьш.

Чехка доьдуш долу хи ма ду иза.

Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дӀагӀо!

22 ТӀаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогӀуш яра,

цара ден татанаш схьахезаш дара.

23 „НеӀалт хуьлда Мераз-гӀалина, –

элира Везачу Элан Малико, –

Билггал неӀалт хуьлда цуьнан бахархошна,

цара Везачу Элана гӀо ца дарна,

шайн майрачу тӀемалошца цхьаьна“.

24 Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯӀал!

Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза!

25 Сисрас мала хи дехча,

цо цунна шура елира.

Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина,

мустъелла шура елира.

26 Шен четар чуьра ара а яьлла,

хьокха схьа а эцна,

аьтту куьйга варзап схьаийцира цо.

И хьокха Сисрин лергъагӀонах чекхбаьккхира цо.

27 Цуьнан когаш тӀе а тевжина,

иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара.

Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь

валар а хилира цуьнан.

28 Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана.

Цо елхарца хаьттира: „Сан кӀентан гӀудалкх хье хӀунда елла?

ХӀунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“

29 Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна,

цо ша-шена ма-даллара:

30 „Схьахетарехь, уьш, хӀонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу.

ТӀемалоша хӀораммо а шайна цхьаъ я ши йоӀ схьаоьцуш хир ю.

ХӀонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу.

ХӀонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а,

бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хӀонс яьккхинчун коча уллу“.

31 Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла!

Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!»

Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира.

6

Мехкан куьйгалхо волу ГадӀан

1 Исраилан халкъ юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело доладелира. Цундела Везачу Эло уьш ворхӀ шарна маданхойн кара дӀабелира. 2 Исраилхошца чӀогӀа къиза бара маданхой. Шаьш маданхойн баланах кӀелхьардаха, исраилхоша лаьмнаш юккъехь къайлах йолу меттигаш а, хьехаш а, чӀагӀйина меттигаш а лехира шайна. 3 ХӀоразза а исраилхоша хӀума дӀайийча, маданхой а, Ӏамалекхахой а, иштта малхбалехьа Ӏаш долу къаьмнаш а, схьа а догӀий, царна тӀелетара. 4 Церан четарш Исраилан лаьтта тӀехь лаьтташ дара, цара дӀайийна мел йолу хӀума Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь хӀаллакйора, исраилхошна я уьстагӀ а, я сту а, я вир а ца юьтуш. 5 Маданхоша, Исраилан лаьтта тӀе а баьхкина, цигахь шайн четарш дӀахӀиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цӀоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тӀе а баьхкина, цара массо а хӀума хӀаллакдинера. 6 ЧӀогӀа къийделира Исраилан халкъ маданхоша дина зенаш бахьанехь. Исраилан халкъо, мохь туххуш, Везачу Эле орца дехира.

7 Исраилхоша шайна маданхоша дина зенаш бахьана долуш Везачу Эле гӀо дехча, 8 Везачу Эло уьш болчу пайхамар вахийтира. Исраилан халкъе пайхамаро элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала шуьга боху:

„Мисар-махкара шу арадаьхнарг Со ву.

Лоллин цӀа чуьра арадехира ас шу.

9 Мисархойх шу паргӀатдехира Ас,

кхузахь шуна ницкъ беш болчу массеран карара кӀелхьардехира.

Шуна уллора уьш дӀа а лаьхкина,

церан латта шуна дӀаделира Аса.

10 Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Ӏамал ма елаш шаьш Ӏаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгӀира Сан озе“».

ГадӀан куьйгалхо дӀахӀоттар

11 Везачу Элан Малик деара ГадӀан цӀе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Ӏапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кӀелахь охьахиира. И дитт, Абу-Ӏезаран тайпанах а волуш, Юаш цӀе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадӀанан да вара. Цу хенахь ГадӀан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кӀа цӀандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама. 12 ГадӀанна хьалха дӀа а хӀоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!»

13 ГадӀана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хӀунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гӀуллакхашна хӀун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хӀинца Везачу Эло дӀа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дӀаделла».

14 ТӀаккха Везачу Эло, цуьнга дӀа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гӀой, Исраилан халкъ маданхойх кӀелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!»

15 ГадӀана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кӀелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гӀийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву».

16 Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой».

17 ТӀаккха ГадӀана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. 18 ДӀа ма гӀохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгӀат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна».

Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас».

19 ГадӀана, дӀа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кӀел схьаеара цо. 20 Делан малико ГадӀане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хӀокху тӀулга тӀе охьадахка, ткъа чорпа цу тӀе охьайотта». ГадӀана шега аьлларг кхочушдира. 21 Маликан карахь Ӏаса яра. Цо цу Ӏасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дӀаӀоьттича, тӀулгах цӀе а яьлла, цу цӀаро жижиг а, хьокхамаш а дӀахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира.

22 Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадӀана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!»

23 Амма Везачу Эло ГадӀане элира: «Марша Ӏойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!» 24 ГадӀана цига, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолчу метте, тӀулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цӀе а туьллуш. И тӀулгаш хӀинца а Абу-Ӏезаран доьзал бехачу Ӏапру цӀе йолчу юьртахь лаьтташ ду.

ГадӀана БаӀална сагӀа доккхуш йолу меттиг йохайо

25 Цу буссехь Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгӀа сту (ворхӀ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаӀална сагӀа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀам, хадабай, схьабаккха. 26 Цул тӀаьхьа лакхенгахь хьайн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе. ШолгӀа болу сту бен а бей, иза цу кечйинчу меттигехь, Ашерин диттах даьккхина долчу дечигах цӀе а латаяй, багабе». 27 ГадӀана, шен ялхойх итт схьа а валийна, Везачу Эло шега аьлларг кхочушдира. Амма шен цӀерачарна а, гӀалин бахархошна а ша и хӀума дийна делккъехь деш воллуш гарна кхоьруш волчу ГадӀана иза буьйсанна дира.

28 Ӏуьйранна самабевллачу гӀалин бахархошна гира йохийна йолу БаӀална лерина сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь схьахадийна болу Ашерин бӀогӀам а. Царна иштта гира ГадӀана кечйина йолу сагӀа доккху меттиг а, цу тӀехь сагӀина багийна болу сту а. 29 Цара вовшашка хоьттура: «Хьан дина иза?» Леррина талла а теллина, цхьаммо цаьрга элира: «Юашан кӀант волчу ГадӀана дина». 30 Цу гӀаларчу бахархоша Юаше элира: «Араваккха хьайн кӀант. БаӀална сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь лаьтташ болу бӀогӀам а цо бохийна дела, иза вала везаш ву».

31 Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаӀална тӀехӀотта гӀерташ ду, иза кӀелхьарваккха гӀерташ ду шу? Ӏуьйре тӀекхачале цунна тӀехӀоьттинарг вала везаш ву. БаӀал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хӀунда аьлча йохийна йолу сагӀа доккху меттиг цуьнан ма яра». 32 Юаша элира: «ГадӀана и сагӀа доккху меттиг йохийна хилча, БаӀал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадӀанан цӀе Яруб-БаӀал аьлла йоккхура (иза «БаӀал къовсавалийта» бохург ду).

ГадӀана халкъ тӀамана гулдо

33 Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреӀалан аренгахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. 34 ГадӀанна тӀе Везачу Элан Са доьссира. ГадӀана, коьман маӀа а лекхна, ша волчу Абу-Ӏезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. 35 Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТӀаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадӀан волчу баьхкира.

36 ГадӀана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кӀелхьардаккха гӀо дийр ду аьллера. 37 Аса хьаьттахь уьстагӀийн тӀаргӀа дӀабаржор бу. Нагахь санна цу тӀергӀана тӀехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тӀехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кӀелхьардер дуйла». 38 Иза иштта хилира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххехь хьалагӀаьттина волчу ГадӀана, и тӀаргӀа Ӏовда а Ӏаьвдина, цунах цхьа кад буьззина хи даьккхира. 39 ГадӀана Деле элира: «Суна оьгӀаз ма гӀахьара Хьо, аса кхин а цхьа дехар кхочушдар Хьайга дехча. Суна кхин цкъа а уьстагӀан тӀергӀаца билгало хуьлийла луур дара. ТӀаргӀа бекъа а болуш, массо а меттехь тхи хилийтахьара Ахьа». 40 Дала цу буса, ГадӀана ма-аллара, хилийтира: тӀаргӀа бекъа а болуш, дерриг а лаьтта тӀе тхи диллира Цо.

7

ГадӀана маданхой эшабо

1 Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь. 2 Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“ – бохийла а. 3- 7:3 Карлабаьккхинарг 20:8. Хьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира.

4 Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ – алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“ – алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». 5 ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве». 6 Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура. 7 Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта». 8 ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара.

9 Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало. 10 Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо. 11 Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте. 12 Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.

13 МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира».

14 Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла».

15 И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». 16 Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара. 17 ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де. 18 Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“ – бохуш».

19 ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. 20 Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш. 21 ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара. 22 ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.

23 Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера. 24 ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. 25 Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.

8

Маданхой эшабар

1 Эпраймхоша ГадӀан чӀогӀа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХӀунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тӀом бан воьдуш?»

2 ГадӀана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Ӏезаран тӀаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тӀаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! 3- 8:3-5 Забур 82:12. Шун кара дӀабелла Дала маданхойн баьччанаш Ӏораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хӀун далур дара соьга?» ГадӀана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгӀазлонаш еш бацара.

4 Йордан-хи долчу а веана, ГадӀан а, цуьнца волу кхо бӀе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чӀогӀа кӀадбеллехь а, уьш мостагӀашна тӀаьхьабевллачуьра ца севцира. 5 Сакхатарчу бахархошка ГадӀана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хӀума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаӀаний тӀаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чӀогӀа кӀадбелла».

6 Амма Сакхат-гӀалин куьйгалхоша ГадӀане элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?»

7 ТӀаккха ГадӀана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаӀӀий сайна Везачу Эло каравеллачул тӀаьхьа, со кхуза юхавогӀур ву. Аша хӀинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догӀмаш яьссачу аренан коканашца а, кӀохцалшца а этӀор ду». 8 Цигара ваьлла Пенуал-гӀала веара ГадӀан. Цигахь а гӀалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга. 9 ГадӀана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хӀара бӀов йохор ю».

10 Зебаххьий, ЦалманаӀӀий шайн эскарца Кхаркхур-гӀалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тӀемалойх бухабисинчарах бара. БӀе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тӀемалой, цу эскарна юкъара хӀаллакьхиллера. 11 Нобахьа-гӀалиний, ЙогӀбахӀаний малхбалехьа болчу новкъахула дӀавахара ГадӀан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагӀашна дагахь а доццучу хенахь царна тӀелетира. 12 Зебахь а, ЦалманаӀ а ведда дӀавахара. Царна тӀаьхьаваьллачу ГадӀана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Ӏадийнера ГадӀана.

13 Юашан кӀант ГадӀан тӀамера юхавирзира. Хьерас цӀе йолчу ломан дукъана тӀехула цӀа вогӀуш вара иза. 14 Сакхат-гӀалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхӀитта шайн элийн а, къанойн а цӀераш дӀаязйира ГадӀанна. 15 Сакхат-гӀала схьа а веана, ГадӀана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хӀорш бу. Ткъа аша, сан эскар кӀадделла, хӀоьттина ду, цунна яа хӀума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?“» 16 Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кӀохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хӀума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Ӏамош, масала делира. 17 ГадӀана Пенуал-гӀалара бӀов а йохийра, цигара нах а байира.

18 Цо Зебахье а, ЦалманаӀе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?»

Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХӀора стаг а паччахьан кӀентах тера вара».

19 ГадӀана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кӀентий. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хӀинца шуьшиъ вуьйр вацара». 20 Шен воккхах волчу кӀанте ИтӀаре дӀа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дӀаваккха и шиъ». Амма ИтӀара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хӀунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара. 21 ТӀаккха Зебахьа а, ЦалманаӀа а ГадӀане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гӀуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гӀаьттина, ГадӀана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мӀерий схьадехира.

ГадӀана ийпад йо

22 Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а».

23 Амма ГадӀана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тӀехь олалла, я сан кӀанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тӀехь олалла». 24 ГадӀана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХӀораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чӀуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чӀагарш яра, уьш исмаьӀалхой хиларе терра.)

25 Цара элира: «Хаза а хеташ дӀалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тӀе шайн караеанчу хӀонсах цхьацца чӀуг кхоьссира цара. 26 Цара и чӀагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барамехь яра+ 8:26 *Цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барам *– иза 19.5 кийланан барам бу.*. Цунна совгӀатана кхин а дашо мӀерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьӀна цӀен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зӀенаш а елира. 27 Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера.

28 Маданхой исраилхошна муьтӀахь хилла дӀахӀиттинера, цара шайн кортош охьатаӀийначуьра хьала ца ойура. ГадӀан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь.

ГадӀанан кхалхар

29 Юашан кӀант Яруб-БаӀал (ГадӀан), цӀа а вахана, цигахь Ӏаш вара. 30 ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. 31 Цуьнан кхин а гӀарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кӀант вира, цуьнан цӀе Абу-Малик а тиллира. 32 Юашан кӀант ГадӀан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дӀавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Ӏезархойн Ӏапру-юьртахь.

33 ГадӀан веллачул тӀаьхьа исраилхой, Везачу Элера дӀа а бирзина, юха а БаӀал-деланашна тӀаьхьахӀиттира. Шайн дела БаӀал-Барт а хаьржина, 34 шаьш гонах болчу массо а мостагӀех кӀелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогӀура царна. 35 Исраилан халкъо ларам ца гайтира Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) тӀаьхьенна, цара шайн дуьхьа дуккха а дика гӀуллакхаш динехь а.

9

Абу-Малик

1 Яруб-БаӀалан кӀанта Абу-Малика, Шехем-гӀала а вахана, шен ненан вежаршка а, массо а ненахошка а элира: 2 «Шехем-гӀалин къаношка хатта: шуна хӀун лаьа: „Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цӀийх схьаваьлла хилар диц а ма де“». 3 Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тӀаьхьахӀитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», – элира цара. 4 Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаӀал-Барт- делан цӀа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира. 5 Абу-Малика, Ӏапру-юьртахь долчу шен ден цӀа а вахана, Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) кхузткъе итт кӀант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаӀалан уггар жимах волу кӀант Йовтам дийна висира, иза дӀалечкъина хилар бахьана долуш. 6 Цул тӀаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гӀалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийра.

Йовтаман хьекъале дийцар

7 Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тӀе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогӀа соьга, Шехеман бахархой. Цул тӀаьхьа шуьга Дала ладугӀийла. 8 Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тӀехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тӀехь“. 9 Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тӀехь олалла дар бахьана долуш?“ 10 ТӀаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тӀехь“. 11 Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тӀехь олалла дархьама?“ 12 ТӀаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тӀехь“. 13 Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагӀаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тӀехь олалла дархьама?“ 14 ТӀаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тӀехь“. 15 Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гӀой, сан ӀиндагӀехь дӀахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цӀе а яьлла, цу цӀаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“.

16 Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хӀоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаӀалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг. 17 Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тӀом а бина, шу маданхойн куьйга кӀелара схьадаьхна. 18 Ткъа аша хӀинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кӀант цхьана тарх тӀехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гӀарбаш-зуда хиллачун кӀант бен вац! 19 Нагахь санна Яруб-БаӀалца а, цуьнан доьзалца а шу нийса а, доггах а леллехь, шайн паччахьца даккхий а деш Ӏе. Цо а даккхийдедойла шу. 20 Нагахь санна аша динарг хьарам хӀума делахь, Абу-Маликах цӀе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цӀе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!» 21 Иза ша аьлла ваьллачул тӀаьхьа Йовтам, шен веших ведда дӀа а вахана, Беар-гӀалахь дӀалечкъира.

Абу-Малика Шехемана дуьхьал тӀом бо

22 Абу-Малика Исраилан халкъана тӀехь кхаа шарахь олалла дира. 23 Цул тӀаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гӀалин бахархошний юкъа хӀотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. 24 Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀант вер бахьана долуш. Церан цӀий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тӀетадина болчу. 25 Цара гунашна боххье охьаховшийра шайна уллохула тӀех мел волуш волчунна талор деш болу нах. Иза Абу-Маликна тӀедаьхьира.

26 Ӏабайдан кӀант ГаӀал шен вежаршца Шехеме веара. Цу гӀалин бахархоша, цунах теша а тешна, цунна тӀаьхьахӀитта сацам бира. 27 Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагӀар а дина, шайн делан цӀа чохь той дӀахӀоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неӀалт а кхайкхош, Ӏаш бара уьш. 28 Ӏабайдан кӀанта ГаӀала элира: «Вай – Шехеман халкъ ду. Вай хӀунда хила деза Абу-Маликна муьтӀахь? Иза вайна мила ву? Яруб-БаӀалан кӀант вац иза? Ткъа Абу-Малика ца вина Забулах коьрта хьаькам? Вай Абу-Маликан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш дац! Шехеман да волчу Хьамуран тӀаьхьенна гӀуллакх деш лелар гӀоле ду вайна. Цунна гӀуллакх деш вай хӀунда лелаш ду? 29 ХӀара халкъ сайн карахь делахьара, аса Абу-Малик кхузара дӀаэккхор вара. Аса цуьнга эр дара: „Хьайн эскар алсам а даккхий, тӀом бан аравала“».

30 Цу гӀалин коьрта хьаькам волу Забул, шена Ӏабайдан кӀанта ГаӀала аьлларг хезча, чӀогӀа оьгӀазвахара. 31 Цо къайлаха Абу-Малик волчу геланчаш бахийтира дӀаала: «Ӏабайдан кӀант ГаӀал а, цуьнан вежарий а, Шехеме а баьхкина, массо а стаг хьуна дуьхьалвоккхуш бу. 32 Цундела хьо а, хьан халкъ а буьйсанна гӀалина улло а деана, аренгахь кӀело ян дӀалачкъа деза. 33 Ткъа Ӏуьйранна малх схьакхетачу хенахь шу гӀалина тӀелата деза. ГаӀал шен тӀемалошца хьоьца лата гӀали чуьра араваьлча, хьайга далург де царна».

34 Буьйсанна Абу-Малик а, цуьнца болу тӀемалой а гӀалина улло баьхкира. Деа декъе бекъа а белла, кӀело ян дӀалевчкъира уьш. 35 Ӏабайдан кӀант ГаӀал, гӀалин кевнна улло а вахана, цигахь дӀахӀоьттича, Абу-Малик шеца хиллачаьрца цхьаьна ша дӀалечкъина волчуьра гучувелира. 36 И нах гина волчу ГаӀала Забуле элира: «Хьажал, лаьмнаш тӀера охьабуьссуш нах бу».

Забула цуьнга жоп делира: «Лаьмнийн ӀиндагӀех хьуна нах тарбелла».

37 Амма ГаӀала юха а элира: «Хьажал лакхенгара охьабуьссуш болчаьрга. Суна бозбунчийн дитта уллохула схьабогӀуш болчеран кортош го».

38 Забула цуьнга элира: «ХӀинца хӀунда ца йо ахьа кураллаш? Ахьа ца бохура Абу-Малик хӀумма а вац, вай цуьнан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш а дац? Уьш ахьа ца вешаш къамел динарш бу. ХӀинца, ваха а гӀой, цаьрца лата». 39 ГаӀал, шеца Шехеман бахархой а болуш, Абу-Маликца лата аравелира. 40 Абу-Малик гӀалин ков долчу юхауьдуш болчу ГаӀалаца цхьаьна хиллачарна тӀаьхьавелира. Цу кевнна тӀекхачале, царах дукхахберш байира цо. 41 Цул тӀаьхьа Абу-Малик Арума-гӀала юхавирзира, ткъа Забула ГаӀал цуьнан вежаршца Шехемара араваьккхира.

42 ШолгӀачу дийнахь Шехеман бахархой шайн кхашна тӀехь болх бан арабевлира. Абу-Маликна иза дӀахиира. 43 Шен тӀемалой кхаа декъе бекъа а бекъна, уьш аренгахь, кӀело еш, дӀалачкъийтира Абу-Малика. ГӀалара арабевлла болу нах шайна гича, царна кӀело йинарш тӀелетира. 44 Абу-Малик шен тобанашца, гӀалин ков долчу а вахана, цигахь дӀахӀоьттира. Ткъа важа йолу ши тоба арахь болчарна тӀелетира. Цара уьш байира. 45 И де дӀадаллалц тӀом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГӀала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГӀала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тӀе туьха тесира цара.

46 Шайна гӀалахь хилларг дӀахиъча, Шехемарчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш БаӀал-Бартан делан цӀа чохь хиллачу кхераме доцучу цӀа чохь схьагулбелира. 47 Шена Шехемерчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш цхьана Ӏаш буйла хиъча, 48 Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тӀе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тӀе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а». 49 Уьш хӀора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тӀаьхьахӀоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаӀал-Бартан цӀенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цӀе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дӀаваьккхира Шехеман бӀаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.

Абу-Маликан валар

50 Цул тӀаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гӀала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра. 51 ГӀалина юккъехь лаьтташ цхьа чӀогӀа бӀов яра. Цу гӀалара массо а вахархо, и бӀов йолчу дӀа а вахана, цуьнан неӀарш дӀа а къевлина, цу бӀаьвнан тхов тӀе велира. 52 Абу-Малик шеца хиллачаьрца бӀаьвнна тӀелетира. Иза, цуьнан неӀарш цӀарца яго дагахь, бӀаьвнна улло вахара. 53- 9:53 Дауд 11:21. ТӀаккха тхов тӀехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тӀулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира. 54 Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дӀаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира. 55 Исраилхошна Абу-Малик веллийла хиъча, уьш шайн-шайн цӀа бахара.

56 Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. 57 Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаӀалан кӀанта Йовтама кхайкхийна долу неӀалт дахара царах.

10

Мехкан куьйгалхо волу ТовлаӀ

1 Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара. 2 Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина.

Мехкан куьйгалхо волу Яир

3 ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза. 4 Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу. 5 Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира.

Ӏамминхоша Исраилца тӀом бо

6 Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш. 7 Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира. 8 Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра. 9 ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана.

10 Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», – бохура цара.

11 Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а, 12 цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. 13 Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац. 14 Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».

15 Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо». 16 Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.

Яптахь мехкан куьйгалхо хоржу

17 Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. 18 ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву».

11

1 ГалӀадхойх схьаваьлла волу майра тӀемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалӀад цӀе йолчу стагах винера. 2 ГалӀадан зудчо цунна вина масех кӀант вара. Баккхий хиллачул тӀаьхьа Яптахь цӀа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан хӀуманах хьуна хӀумма а ца догӀу, хьо кхечу зудчо вина волу дела». 3 Шен вежарех ведда, Яптахь ТӀоба олучу махка дӀавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.

4 Цхьа хан яьлча, Ӏамминхой тӀелетира исраилхошна. 5 Ӏамминхойн исраилхошца болу тӀом дӀаболабеллачул тӀаьхьа галӀадхойн къаной баьхкира Яптахь ТӀоба-махкара дӀавига. 6 Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тӀехь куьйгалхо а хилий, Ӏамминхошца тӀом байта вайга».

7 Амма Яптахьа галӀадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цӀа чуьра араваьккхира аша. Шайна тӀе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»

8 ГалӀадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Ӏамминхошца ахьа тӀом баре а, ГалӀадахь дехаш мел долчу адамашна тӀехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».

9 Яптахьа къаношка хаьттира: «Ӏамминхошца тӀом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»

10 ГалӀадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!» 11 Яптахь ГалӀадарчу къаношца дӀавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дӀахӀоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицӀпахь юха а элира.

Яптахьа Ӏамминхойн паччахье хабар дахьийтар

12 Яптахьа Ӏамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хӀун доьлла? Хьо тхан лаьтта тӀе тӀамца хӀунда веана?» – аьлла.

13 Ӏамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь, цо Арнон-хина тӀера Ябокхний, Йорданний тӀекхаччалц сан латтанаш дӀалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».

14 Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра 15 цуьнга дӀаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Ӏамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна, 16 хӀунда аьлча Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хӀорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира. 17- 11:17 Лелар 20:14-21. Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тӀе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тӀехула дӀадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тӀе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тӀехула дӀадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера. 18- 11:18 Лелар 21:4. Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара. 19- 11:19-22 Лелар 21:21-24. Исраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гӀалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тӀе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тӀехула дӀадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тӀе дӀадаха дохкура’. 20 Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тӀехула дӀадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхӀацахь меттамотт дӀа а хӀоттийна, исраилхошца лата кечвелира. 21 Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира. 22 Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта. 23 Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дӀалаьхкина, ткъа хьо хӀинца и латта схьадаккха гӀерташ ву? 24 Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь! 25- 11:25 Лелар 22:1-6. Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгӀар хиллий цуьнан, я тӀом бина цо цаьрца? 26 Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа? 27 Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тӀамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Ӏамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“». 28 Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Ӏамминхойн паччахьо ла ца дуьйгӀира.

Яптахьа нигат до

29 Яптахьна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалӀадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалӀадарчу МицӀпехула Ӏамминхойн махка тӀе кхечира. 30 Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Ӏамминхой Ахьа сан кара схьалахь, 31 со толамца цигара юхавирзинчул тӀаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагӀина дӀалур ду Аса, иза дага а деш».

32 Цул тӀаьхьа Яптахьа, Ӏамминхой болчу а вахана, цаьрца тӀом бира. Везачу Эло Ӏамминхой цуьнан кара дӀабелира. 33 Цо ӀаруӀера дуьйна Минит-гӀалина тӀекхаччалц а, цигара дӀа Абал-Кирамамна тӀекхаччалц а йолу ткъа гӀала йохийна дӀаяьккхира. Иза Ӏамминхошна тӀехь баьккхина боккха толам бара. ХӀетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.

34 Яптахь МицӀпахь долчу шен цӀа юхавирзира. Цунна гира, жиргӀа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогӀуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоӀ. Цуьнан кхин я кӀант а, я йоӀ а дацара. 35- 11:35 Лелар 30:3. Шена дуьхьалйогӀуш йолу шен йоӀ гича, Яптахьа шена тӀера бедарш этӀийра, ша холчу хӀоттар дӀагойтуш. Цо элира: «Сан йоӀ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»

36 Яптахье цуьнан йоӀа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагӀий болчу Ӏамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!» 37 Цул тӀаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гӀуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дӀаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагӀашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».

38 Цо шен йоӀе элира: «ГӀо хьайна». Шина баттана дӀаяхийтира цо иза. Шен доттагӀашца дӀа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гӀург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира. 39 Ши бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоӀ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дӀахӀоьттира, 40 хӀора шарахь массо а зударша диъ де галӀадхо волчу Яптахьан йоӀана боьлхуш даккхар.

12

Яптахь а, эпраймхой а

1 Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гӀала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Ӏамминхошца тӀом бан воьдучу хенахь тхо хӀунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цӀа хьоьца цхьаьна дагор ду».

2 Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Ӏамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гӀо дийхира, амма аша тхо кӀелхьара ца дехира. 3 Аша тхуна гӀо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Ӏамминхошца тӀом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хӀинца стенна даьхкина соьца тӀом бан?» 4 Цул тӀаьхьа Яптахьа, ГалӀадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тӀом бира. Царна тӀехь цо толам баьккхира, хӀунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тӀаьхьадисина долу цхьа дакъа ду». 5 ГалӀадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дӀалецира. Шайга хӀаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галӀадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча, 6 галӀадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалӀадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хӀаллакьхилира.

7 Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тӀаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалӀадарчу цхьана гӀалахь дӀавоьллира.

Мехкан куьйгалхо Ивцан

8 Яптахьана тӀаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гӀалара Ивцан вара. 9 Цуьнан ткъе итт кӀант а, ткъе итт йоӀ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кӀенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхӀ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира. 10 Цул тӀаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дӀавоьллира Байтлахам-гӀалахь.

Мехкан куьйгалхо Эйлон

11 Ивцанна тӀаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира. 12 Цул тӀаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дӀавоьллира Забулан лаьтта тӀехь йолчу Айлон-гӀалахь.

Мехкан куьйгалхо Ӏабдани

13 Эйлон веллачул тӀаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Ӏабдани. Иза вара ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант. 14 Ӏабданин шовзткъа кӀант а, ткъе итт кӀентан кӀант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тӀехиъна лелаш бара. Иза бархӀ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. 15 Цул тӀаьхьа ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант Ӏабдани кхелхира. Иза Ӏамалекхахой Ӏаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тӀехь йолчу ПӀарӀатунахь, дӀавоьллира.

13

Шамшон дуьнен чу валар

1 Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пӀелаштамхойн кара дӀабелира.

2 Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара. 3 Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кӀант вийр ву. 4 ХӀинцачул тӀаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагӀар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хӀума а ма яа. 5- 13:5 Лелар 6:1-5. ХӀинца берах а хилла, ахьа кӀант вича, цуьнан корта дӀа ма башийта, хӀунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардаккха волалур ву».

6 Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира. 7 Цо элира: „Ахьа кӀант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цӀена хетарг бен хӀума а ма яа, хӀунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дӀадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».

8 ТӀаккха Манахьа шен доӀанна тӀехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хӀун дан деза дуьйцуш».

9 Далла Манахьан аз дӀахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дӀахӀоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара. 10 Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».

11 Манахь, хьала а гӀаьттина, шен зудчунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цу стагана тӀевахара. Цо элира: «Хьо вуй хӀокху зудчуьнца къамел динарг?»

Малико элира: «Со ву».

12 Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тӀаьхьа, кӀант муха кхио веза оха? Цунна хӀун дан деза?»

13 Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала. 14 Кемсийн таьллангех йолуш йолу хӀума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хӀуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».

15 Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».

16 Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагӀа даккха лууш хьо велахь, и гӀуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.

17 Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цӀе хӀун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».

18 Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».

19 ТӀаккха Манахьа, буьхьиг а, кӀа а схьа а эцна, тӀулга тӀехь Везачу Элана сагӀа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гӀуллакх дира. 20 СагӀа доккхучу тӀулгашна тӀера цӀе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цӀарца стигала хьаладахара. И хӀума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира. 21 Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТӀаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.

22 Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»

23 Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагӀина лерина йолу буьхьиг а, кӀен сагӀа а дӀаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хӀума а эр дацара».

24 Цу зудчо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догӀуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора. 25 Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цӀе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь дӀахӀоттийна яра.

14

Шамшона зуда ялайо

1 Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гӀала вахча, цунна пӀелаштамхойн цхьа жима зуда гира. 2 ЦӀа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гӀалахь пӀелаштамхойн цхьа йоӀ гира. Иза суна схьаялае».

3 Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?»

Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта».

4 Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хӀума Везачу Элера дуйла: Иза пӀелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пӀелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара.

5 Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гӀала вахара. Цу гӀалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хӀорш нисбелча, цунна дуьхьал, гӀигӀ деш, къона лом делира. 6 Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира, тӀаккха цо и лом, буьхьиг санна, этӀийна, цистина, дӀадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хӀумма а ца элира.

7 Шамшона, гӀала а веана, цу пӀелаштамхойн йоӀаца къамел дира. Цунна иза езаелира. 8 Масех де даьлча, иза юха а цу гӀала вахара, шена пӀелаштамхойн и йоӀ яло дагахь. Новкъахула дӀавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хӀуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а. 9 Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дӀавоьддушехь диира. ЦӀа веача, шен дений, нанний кӀеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дӀа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар.

10 Шамшонан да цу йоӀе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хӀоттора, той дӀахӀоттийра. 11 Шамшон шайна гича, пӀелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара. 12 Шамшона цаьрга элира: «Аса хӀетал-метал лур ду шуна. Той дӀахьочу ворхӀ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тӀехулара бедар а лур ю шуна. 13 Нагахь санна аса делла долу хӀетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а».

Цара элира: «Схьаала хьайн хӀетал-метал. Тхо ладугӀуш ду».

14 Шамшона цаьрга хӀетал-метал делира:

«Юуш волчунна чуьра яа хӀума елира,

ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира».

Кхаа дийнахь хӀетал-метална жоп дала ца хууш Ӏийра уьш.

15 ДоьалгӀачу+ 14:15 *ДоьалгӀачу *– иштта грекийн гочдаре хьаьжжина ду. Ӏебархойн маттахь: *ВорхӀалгӀачу.* дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХӀетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цӀа а дагор ду. ЧӀим санна, тхо цӀандан кхайкхинера аша?»

16 Зуда, йоьлхуш, дӀахӀоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хӀетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу».

Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?» 17 Кхаьргахь той дӀахьочу ворхӀ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТӀаьххьара а ворхӀалгӀачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хӀетал-метал дӀадийцира. ТӀаккха зудчо и хӀетал-метал шен къомах болчарна довзийтира. 18 ВорхӀалгӀачу дийнахь малх дӀабузале пӀелаштамхоша Шамшоне элира:

« Мазал мерза хӀун ю,

лоьмал ницкъ болуш мила ву?»

Ткъа Шамшона цаьрга элира:

«Сан дуьхьаргана тӀехь аша охана деш ца хиллехь,

шуна сан хӀетал-метал хуур дацара».

19 Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тӀе. Цо, Ашкхилун цӀе йолчу гӀала а вахана, цигахь ткъе итт пӀелаштамхо а вийна, царна тӀера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хӀетал-метал хиъначарна дӀаелира. Цул тӀаьхьа, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, иза шен ден цӀа вахара. 20 Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагӀчуьнга маре дӀаелира.

15

Шамшона пӀелаштамхошна сингаттам бахьа

1 Масех де даьлча, кӀа хьокхучу хенахь, Шамшон шен зуда йолчу веара, жима буьхьиг а яхьаш, иза гархьама. Стундега цо элира: «Сайн зуда дӀаюьжучу чугӀур ву со». Амма вукхо иза чу ца вахийтира. 2 Цо элира: «Суна моьттинера, иза хьуна ца езаелла, цундела аса иза хьан доттагӀчуьнга маре дӀаелира. Цул жимах ерг хазо ю хьуна, иза цуьнан метта дӀайига».

3 Амма Шамшона цаьрга элира: «ХӀинца суна цхьаммо а бехк буьллур бац, аса пӀелаштамхошна зен дахь». 4 Шамшона, ваха а вахана, кхо бӀе цхьогал а лаьцна, уьш шишша цхьаьна шайн цӀогарчашца дӀа а дихкина, хӀора шина цӀоганна юкъахь хаьштиг дихкира. 5 И хаьштигаш лата а дина, цо и кхо бӀе цхьогал пӀелаштамхойн кхашна тӀе дӀахийцира. Хьаькхна лаьтташ долу кӀен цӀевнаш а, хьакхаза долу кӀа а, кемсийн аренаш а, зайт-дитташ а дагийна дӀадехира. 6 ПӀелаштамхоша хоьттура: «Иза хьан дина?» Царна жоп делира: «Тамнахочун нуц волчу Шамшона дина, шен зуда цуьнан дас кхечунна дӀаелла дела». ПӀелаштамхоша и зуда а, цуьнан да а волчу а баьхкина, уьш, цӀе а тесна, багийра.

7 Шамшона цаьрга элира: «Аша иза дарна, аса бекхам бийр бу шуна. Цул тӀаьхьа бен суна тем хир бац». 8 Настарш а, хенаш а кегдина, пӀелаштамхой охьабехкира цо. Цул тӀаьхьа иза ӀайтӀам олучу тархана уллорачу чӀожа чохь охьахиира.

Шамшона пӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар

9 Ткъа пӀелаштамхой, тӀамана ара а бевлла, ЯхӀуд-махкахь шайн меттамотт дӀа а хӀоттийна, Лахьи олучу меттигна тӀелетира. 10 ЯхӀуд-махкарчу бахархоша цаьрга хаьттира: «Шу тхуна дуьхьал хӀунда девлла?»

ПӀелаштамхоша жоп делира: «Тхо, Шамшон схьа а лаьцна, иза дӀавехка даьхкина. Оха цунна тӀехь а дийр ду цо тхайна диннарг». 11 ЯхӀуд-махкара кхаа эзар стага, ӀайтӀам цӀе йолчу тархана уллохь Ӏуьллучу чӀожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пӀелаштамхой тхуна тӀехь олалла деш дӀахӀиттинийла? ХӀунда дина ахьа иза?»

Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дӀадекхна».

12 ТӀаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дӀа а вихкина, пӀелаштамхошка дӀавала даьхкина».

Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».

13 Цара жоп делира: «Оха хьо, дӀавехкар бен, вуьйр вац. Цул тӀаьхьа пӀелаштамхойн кара дӀалур ву». ЦӀеначу шина муьшаца иза дӀа а вихкина, чӀожа чуьра Шамшон араваьккхира цара.

14 Иза Лахьина улло кхаьчча, пӀелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТӀаккха Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дӀадихкина долу машшаш даьгна дӀадаьлла долу вета санна хилла дӀахӀиттира. Цуьнан куьйгаш тӀера буржалш охьаийгира. 15 Дукха хан йоццуш еллачу виран мочхал карийра цунна. Куьг дӀа а кховдийна, иза схьа а эцна, цуьнца цо цхьа эзар стаг вийра. 16 Шамшона элира:

«Виран мочхалца царах баьрзнаш а дина,

виран мочхалца аса эзар стаг ма вийра!»

17 И дешнаш а аьлла, шен карара мочхал дӀакхоьссира цо. Цу меттиган цӀе Рамат-Лахьи тиллира цо (иза «мочхалан Рамат» бохург ду).

18 Иза чӀогӀа хьагвеллера. Цо, Везачу Эле вистхуьлуш, элира: «Хьайн лен карахула Ахьа тхо кӀелхьардехи. Ткъа хӀинца со, хьогалла вала а велла, хӀокху сунтбаза болчеран кара ма вахийтахьара Ахьа». 19 Дала боккха кӀаг балийтира Лахьи-меттехь, цу чуьра хи хьаладелира. Шамшона и хи меллачул тӀаьхьа, цуьнан ницкъ юхабеара. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏейн-Кхури аьлла (иза «кхойкхучун хьоста» бохург ду). Иза хӀинца а Лахьи-меттехь йолуш ю.

20 Шамшон пӀелаштамхойн заманахь ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира.

16

Шамшон Ӏази-гӀала воьду

1 Цхьана дийнахь Шамшон Ӏази-гӀала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара. 2 Ӏази-гӀаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дӀаяллалц Ӏийра уьш гӀалин ков долчохь. «Ӏуьйре тӀекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», – аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара. 3 Буьйса юккъе яххалц вижина Ӏиллира Шамшон. Цул тӀаьхьа, хьала а гӀаьттина, катоьхна, гӀалин ков шен гураца, боьллинчу гӀуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тӀе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.

Шамшон а, Делила а

4 Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогӀи чохь Ӏаш йолу. Цуьнан цӀе Делила яра. 5 Иза йолчу пӀелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТӀаккха тхуна хуур дара, иза, дӀа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хӀораммо а хьуна цхьа эзар бӀе шекхал дети лур дара».

6 Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дӀавихкина сацо веза хьо?»

7 Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхӀ зӀенарца дӀавехкахь, соьгара ницкъ дӀа а баьлла, со массо а нах санна хир ву».

8 Эццахь пӀелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тӀуьна йолу ворхӀ керла зӀенар еара. ТӀаккха Делилас цаьрца Шамшон дӀавихкира. 9 Шен цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» Цо, тохавелла, зӀенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пӀелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира.

10 ТӀаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХӀинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дӀавехка веза?»

11 Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дӀавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву».

12 Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дӀавихкира. Цуьнан цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тӀера, теш санна, охьадехира.

13 Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?»

Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина, 14 уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дӀа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кӀадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо.

15 Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш». 16 ХӀора дийнахь чӀогӀа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гӀерташ. Иза валлал чӀогӀа саготта вара. 17 ТӀаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хӀунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогӀуш ву. Сан корта дӀабашахь, соьгара ницкъ дӀабер бу. ТӀаккха со массо а нах санна хилла дӀахӀуттур ву».

18 Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пӀелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХӀинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пӀелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира. 19 Шен голаш тӀехь Делилас Шамшон дӀавижийра. Иза тхьаьвсинчул тӀаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхӀ чӀаба дӀахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дӀа а баьлла, дӀахӀоьттира. 20 Делилас элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кӀелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла. 21 ПӀелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏази-гӀала дӀа а вигна, цӀестан шина зӀенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цӀа чохь кӀа ахьар тӀедожийра. 22 Цу хенахь цуьнан коьртара дӀахедийна йолу месаш тӀейовлуш яра.

Шамшон кхалхар

23 ПӀелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагӀонна доккха сагӀа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». 24 ПӀелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хӀаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагӀ вайн дала вайн кара схьавелла». 25 Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цӀа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бӀогӀамна юккъехь дӀахӀоттийра. 26 Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кӀанте Шамшона элира: «И цӀа тӀехь лаьтташ болчу бӀогӀамашна улло дӀавигахьа со царах куьг Ӏоттийта. Суна цу бӀогӀамашна тӀетовжа лаьа». 27 Цу цӀа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦӀийнан тхов тӀехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра.

28 Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бӀаьрг бахьана долуш пӀелаштамхошна бекхам бан». 29 Катоьхна, дерриг а цӀа тӀехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бӀогӀам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бӀогӀам дӀасатеттира цо. 30 Цо элира: «Сан а пӀелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дӀасатеттира цо и ши бӀогӀам. Дерриг а цӀа пӀелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тӀедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хӀаллакбина болу пӀелаштамхой цо шен дахарехь хӀаллакбиначарал а алсам бара.

31 Цуьнан вежарша а, цӀийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дӀаваьхьира. ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дӀавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.

17

Микин цӀуш

1 Эпрайман лаьмнаш долчу махкахь вехаш Ӏаш хилла Мика+ 17:1 *Мика *– цуьнан юьззина цӀе Мика-ЯхӀу хилла.* цӀе йолу цхьа стаг. 2 Микас шен нене элира: «ДагадогӀий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бӀе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза».

Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кӀант!» 3 Микас и дети шен нене дӀаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кӀант, хьуна тӀера хӀара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦӀу а вай, цунна тӀе дети дилла. ХӀинца аса хьуна и дети юхало». 4 Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бӀе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дӀаделира. Цу пхьеро цунах тӀе дети диллина волу цӀу вира. И цӀу Микин цӀа чохь дӀахӀоттийна вара.

5 Микин шен делан цӀа дара. Цо ийпад а, цӀуш а бира. Цул тӀаьхьа цо, шен кӀенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. 6- 17:6 Куьйгалхой 21:25. Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.

7 ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара. 8 Иза, Байтлахам-гӀалара ара а ваьлла, ша тӀекхаьчначохь ваха хаа дагахь лелаш вара. Лелаш, иза Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Микин хӀусаме кхечира. 9 Микас цуьнга хаьттира: «Хьо мичара вогӀу?»

Жимачу стага жоп делира: «Со ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара левихо ву. Сайна ваха хаа меттиг лоьхуш ву со».

10 Микас цуьнга элира: «Со волчохь саца мегар ду хьуна, суна хьехамча а, динан да а хуьлуш. Аса хӀора шарахь итт шекхал дети а лур ду хьуна, даа-мала а, тӀедуха хӀума а латтор ду хьуна». 11 Левихойн жима стаг Мика волчохь саца резахилира. Иза цунна кӀант санна хилла дӀахӀоьттира. 12 Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дӀахӀоьттира. Иза Микин хӀусамехь вехаш а вара. 13 Микас элира: «Суна хӀинца хаьа Веза Эла сайца дика хир вуйла, хӀунда аьлча сан динан да левихойх ву».

18

Данахойн тайпано шена латта лахар

1 Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. 2 Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира. 3 Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?» 4 Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а.

5 Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий».

6 Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду».

7 И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а+ 18:7 *Цхьаьнцца а *– я иштта: *Арамца.* лелош юкъаметтиг а йоцуш. 8 И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?»

9 Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха! 10 Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».

11 ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара. 12 Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду). 13 Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира.

14 Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза». 15 Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара. 16 Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара. 17 Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара.

18 ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?»

19 Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?» 20 И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира.

21 Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара. 22 Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира. 23 Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?»

24 Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“ – бохуш?»

25 Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара». 26 Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира.

27 Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра. 28 Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. 29 Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла. 30 Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц. 31 Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.

19

Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а

1 Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. 2 Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла. 3 Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира. 4 Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза. 5 ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу».

6 Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха».

7 ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра. 8 ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра.

9 Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу».

10 Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю). 11 Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».

12 Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай». 13 Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай». 14 Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара. 15 Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура.

16 Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла. 17 Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?»

18 Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду+ 19:18 *ЦӀа догӀуш ду *– Ӏебархойн маттахь: *Везачу Элан цӀа догӀуш ду.*. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга. 19 Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу».

20 Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха». 21 Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира.

22- 19:22-24 Доладалар 19:5-8. Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа».

23 ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума. 24 Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума». 25 Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира.

26 Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь. 27 Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара. 28 Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара. 29- 19:29 Шамъал 11:7. ЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира. 30 И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала».

20

Исраилхошна а, бен-яманхошна а юкъахь тӀом балар

1 Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицӀпа-гӀалахь. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалӀадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. 2 Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бӀе эзар карахь тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера кхузахь. 3 Бен-яманхошна дӀахиира исраилхой МицӀпахь схьагулбеллийла.

Исраилхоша хаьттира: «Схьадийца, муха хилира и вон хӀума?» 4 Йийна йолчу зудчун майрачо цаьрга дийцира: «Со сайн гӀарбаш-зудчуьнца Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала веара, цигахь буьйса яккха дагахь. 5 Амма буьйсанна ГебаӀ-гӀалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цӀенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гӀарбаш-зуда хьийзийра. И хӀума бахьана долуш иза елира. 6 Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира, Бен-Яманан тӀаьхьено и инзаре а, сийсаза а гӀуллакх Исраилан махкахь дина дела. 7 ХӀинца аша, исраилхой, шайна юкъахь барт а бай, ала, оха хӀун дан деза?»

8 Дерриг а халкъо, цхьаъ санна хьала а гӀаьттина, элира: «Вайх цхьа а шен четар долчу гӀур вац. Вайх волу цхьа а стаг шен цӀа юхавоьрзур вац. 9 Вай хӀинца хӀара дийр ду ГебаӀ-гӀалина: кхаж а тесна, цуьнца тӀом бан гӀур ду. 10 Исраилан тайпанех волчу итт стагана юкъара цхьаъ схьа а хаьржина, тӀелата боьлхучарна сурсат дан деза. Вукхара, Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала а кхаьчна, исраилхошна юкъахь бехаш болчу цигарчу нахана таӀзар дан деза, и боьха хӀума цара шайгара далийтарна». 11 Массо а исраилхо, цхьаъ санна, цхьаьнакхийтира цу гӀалина дуьхьалвала.

12 Цара Исраилан халкъера Бен-Яманан тайпане хабар эцна стаг вахийтира. И хабар иштта дара: «Ма боьха хӀума ду шух болчу наха динарг! 13 Схьало тхан кара ГебаӀ-гӀалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дӀадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тӀаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогӀа. 14 Шайн гӀаланаш а йитина, Бен-Яманан тӀаьхьенах болу нах ГебаӀ-гӀала схьагулбелира, исраилхошца тӀом бан дагахь. 15 Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тӀаьхьенах тур лелош волу тӀемало, вовшах а тоьхна, тӀамана кечвира. Кхин а ГебаӀ-гӀалара ворхӀ бӀе тур лелош волу тӀемало а вара цаьрца. 16 Дерриг а эскарна юкъара ворхӀ бӀе стаг къаьсттина дика тӀемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тӀулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура. 17 Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бӀе эзар тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера. Уьш массо а тӀамана кийча а бара.

18 Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тӀом бан доьлхучу хенахь?»

Везачу Эло жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».

19 Цу Ӏуьйранна исраилхоша шайн меттамотт дӀахӀоттийра ГебаӀ-гӀалина генахь доццуш. 20 Исраилхой бен-яманхошца тӀамана кечбелира. Уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь тӀамана нисбелла дӀахӀиттира. 21 ГебаӀ-гӀалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира. 22 Амма Исраилан эскар, къар ца луш, юха а ша хьалхарчу дийнахь лаьттинчу метте тӀамана кечделла дӀахӀоьттира. 23 ХӀунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?»

Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гӀой, тӀом бе цаьрца».

24 Исраилхойн эскар шолгӀачу дийнахь юха а тӀегӀоьртира бен-яманхойн эскарна. 25 Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаӀ-гӀалара ара а даьлла, исраилхойн берхӀитта эзар тур лелош волу тӀемало, вийна, охьавиллира. 26 ТӀаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тӀекхаччалц яа хӀума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха. 27 Цу хенахь Делан деза тӀорказ цигахь хилла. АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гӀуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тӀамца дуьхьал довла дезий тхо?»

Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дӀалур бу».

29 Исраилхой ГебаӀ-гӀалина гонах кӀело йина дӀахӀиттира. 30 Церан эскар кхозлагӀчу дийнахь, хьалха санна, ГебаӀ-гӀалахь бен-яманхошца тӀом бан кийчча дӀахӀоьттира. 31 Бен-яманхойн эскар, гӀалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тӀаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гӀалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хӀаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гӀала а, ГебаӀ-гӀала а боьдучу новкъахь байира. 32 Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу».

Ткъа исраилхоша элира: «ДӀа а девдда, вай уьш гӀалина гена баха беза, некъаш долчу агӀор дӀа а берзош». 33 Исраилхойн эскаран коьрта дакъа, дӀа а дедда, БаӀал-Тамарехь дӀахӀоьттира. Ткъа кӀело а йина Ӏаш болу исраилхой ГибаӀ-гӀалина малхбузехьа йолчу агӀонгахьара чугӀоьртира. 34 Итт эзар тоьлла волу тӀемало вара ГебаӀ-гӀалина тӀелеттачу тобанна юкъахь. ТӀом чӀогӀа луьра бара. Бен-яманхошна ца хаьара, шайна тӀедогӀуш дерг доккха вон дуйла. 35 Везачу Эло эшадайтира исраилхошка бен-яманхойн эскар. Цу дийнахь исраилхоша бен-яманхойн эскарх вийнарг ткъе пхиъ эзар бӀе стаг вара. Уьш массо а тур лелош болу эскархой бара. 36 Бен-яманхошна хиира, шаьш эшийнийла. Исраилхойн эскар юхадаьллера, хӀунда аьлча уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь мостагӀчунна кӀело йина болу шайн эскархой тӀелатаре сатуьйсуш хилла. 37 КӀело йина Ӏаш болчара, цӀеххьана ГебаӀа чу а бахана, цу гӀалара мел волу вахархо шайн таррашца вийнера. 38 КӀело йина Ӏаш болчаьрца исраилхойн коьртачу декъо бина барт хилла: цара гӀалара хьалабоьдучу кӀуьраца хаам бан безара. 39 Исраилхой тӀом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш». 40 Эццахь гӀалара кӀур ирхъэха болабелира. Бен-яманхой юхахьаьжча, царна гира цӀе яьлла йогуш йолу ерриг а гӀала. 41 Исраилхой, юхабуьйлучуьра совца а севцина, шайн мостагӀех лата буьйлабелира. Ткъа бен-яманхой, шайна тӀехӀоьттинарг гича, кхерабелира. 42 Уьш исраилхойн эскарх бевдда аренгахула дӀабоьлхуш бара, амма церан кӀелхьарбовла меттиг яцара. Исраилхоша уьш, шайн гӀаланашкара ара а бохуш, бойура. 43 Бен-яманхошна го а бина, исраилхоша уьш Нухьера дуьйна ГебаӀ-гӀалин малхбалехьа йолчу агӀонга кхаччалц лаьхкина дӀабигира. 44 Бен-яманхойн эскарх волу берхӀитта эзар тоьлла волу тӀемало вийра цу дийнахь исраилхоша. 45 ТӀаьхьабиснарш, бевдда, яьссачу аренга, Римун цӀе йолчу тархана улло, дӀабахара. Цу новкъахула уьш бевдда дӀабоьлхучу хенахь исраилхоша кхин а пхи эзар стаг вийра. Царна тӀаьхьабевллачуьра ца совцуш, уьш ГадӀама кхаччалц дӀабахара. Цига дӀакхачале, кхин а ши эзар стаг вийра цара. 46 Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара.

47 Ялх бӀе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дӀа а вахана, цигахь беа баттахь Ӏийра. 48 Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хӀума а йохош, церан массо а гӀаланаш ягош хӀаллакйира.

21

Бен-яманхошна зударий балор

1 Исраилхоша МицӀпахь чӀагӀо йина хилла шайн зудабераш бен-яманхошка маре ца дахийта. 2 Дерриг а халкъ, Бетал-гӀала а деана, Далла хьалхахь сарралц чӀогӀа доьлхуш Ӏаш дара. 3 Цара Деле элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! ХӀунда хилла иза исраилхошна? ХӀунда довш ду исраилхойн цхьа тайпа?»

4 ШолгӀачу дийнахь адам, Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀаьттина, сагӀа доккху меттиг кечъян дӀахӀоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохура. 5 Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хӀокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хӀунда аьлча доккха неӀалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицӀпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чӀагӀо а яра. 6 Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду. 7 Оха Везачу Элана хьалха йина чӀагӀо ю, исраилхойн зудабераш бен-яманхошка маре дохуьйтур дац аьлла. Бисинчарна зударий мичара балор бу вай?»

8 Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицӀпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар. 9 ХӀора стаге хьожуш, чекхбевлира уьш. Царна ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг цу гуламе веана цахилар гучуделира. 10 Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «ГалӀадарчу Явеше а гӀой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош. 11 Кхин цхьа хӀума а тӀедуьллу оха шуна: хӀора майрачуьнца Ӏийна йолу зуда а, зудчуьнца Ӏийна волу боьрша стаг а вийна дӀаваккха. Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита+ 21:11 *Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита *– иштта грекийн маттахь долчу гочдарехь ду.*». 12 ГалӀадарчу Явешехь царна йиъ бӀе йоӀстаг карийра. Уьш цара канаӀанхойн лаьттахь йолчу Шилунан меттаматте схьабалийра.

13 Цул тӀаьхьа исраилхоша шайн геланчаш бахийтира Римун цӀе йолу тарх йолчу гулбеллачу бен-яманхошна тӀе машар дӀакхайкхо. 14 ТӀаккха бен-яманхой шайн махка юхабирзира. ГалӀадарчу Явешера дийна дитина долу зудабераш цаьрга маре дӀаделира. Амма царна массарна а зударий ца тоьира.

15 Исраилан халкъ къинхетам беш хилла бен-яманхойх, хӀунда аьлча уьш Везачу Эло дӀакъастийна хилла исраилхойн кхечу тайпанех. 16 Исраилхойн къаноша элира: «Бен-яманхойн зударий байина. Вай хӀун дан деза зуда ца кхочуш бисина болчу божаршна? 17 Бисина болчу божарийн бераш хила деза, исраилхойн цхьа тайпа дуьнен чуьра дӀа ца далийта. 18 Амма вай вешан зудабераш цаьрга маре дахийта йиш йолуш дац. Уьш цаьрга ца бахийта вай йина чӀагӀо ю».

19 ТӀаккха цара элира: «ХӀора шарахь Шилун-гӀалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гӀала Бетал-гӀалина къилбаседехьа а, Бетал-гӀалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гӀалина къилбехьа а лаьтташ ю.) 20 Къаноша бен-яманхошка элира: «Даха а гӀой, кемсийн бошмашкахь дӀаловчкъа. 21 ТӀаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хӀораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоӀ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза. 22 Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багӀахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтӀера довла бен-яманхошна, хӀунда аьлча тӀамехь вай схьа ца лецира царна хӀоранна зуда. Шайн чӀагӀо йоха а ца еш, зудабераш дӀа ца даларна шу бехке дац“».

23 Бен-яманхоша, шайга ма-аллара, халхадуьйлуш хиллачу зудаберашна юкъара цхьацца йоӀ дӀайигира. Уьш, шайн лаьтта тӀе дӀа а бигна, шайна маре балийра цара. ГӀаланаш юха метта а хӀиттийна, уьш баха хевшира. 24 Исраилан халкъ цигара хӀора шайн тайпанашка а, шайн гаранашка а, шайн доьзалан лаьтта тӀе а дӀасадекъаделира.

25- 21:25 Куьйгалхой 17:6. Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.