Векало

Якъуба

яздина кехат

Дешхьалхе

Векало Якъуба яздинчу кехат тӀехь «дуьнен чухула дӀасабаьржинчу» массо а Ӏийсах тешаш болчаьргахула чекхбахархьама бина болу хьехамаш цхьаьнатоьхна бу. Яздархочо дукха масалшкахула а, кицанашкахула а Ӏийсах тешаш болчу нахана муха лела беза хоуьйтуш болу хьекъале хьехам ло. Тешаш берш муха хила беза а гойтуш, тайп-тайпанчу хӀуманех лаьцна бо цо и хьехам: хьал а, къоьлла а, зер а, оьздангалла а, озабезам а, гӀуллакхашца долу тешар а, меттан дола дар а, хьекъалалла а, къовсам а, вазвар а, эсалалла а, кхечунна кхел яр а, собар а, доӀа а.

Кехат тӀехь Якъуба чӀагӀдина, Ӏийсах а тешаш, и тешар гойтуш долу гӀуллакхаш дан деза вай аьлла.

1

1- 1:1 Маттай 13:55; Марк 6:3; Векалийн 15:13; Галатахошка 1:19. Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане+ 1:1 *Шийтта тайпане *– Якъуба боху, Ӏийсах тешнарш мостагӀаша массанхьа дӀасадаржийна хиллачу Исраилан халкъан шийтта тайпанах тера бу.* маршалла ду.

Делах тешар а, хьекъалалла а

2 Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту. 3 Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла. 4 И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта. 5 Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. 6 Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хӀунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгӀенах тера ву. 7 Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тӀеоьцур ду алий, дог а ма даха. 8 Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хӀуманна тӀехь чӀагӀо а йоцуш.

Къоьлла а, хьал а

9 Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза, 10- 1:10, 11 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:6, 7 (Грекийн). ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хӀунда аьлча иза дӀавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. 11 Малх хьала а гӀоттий, йовхо йогӀу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дӀайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гӀуллакхаш а деш, дӀаволу.

Зер а, хӀума марздалар а

12 Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. 13 Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. 14 Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу. 15 Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тӀаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Ӏожалла кхуллу.

16 Шаьш Ӏеха ма дайта, сан хьомсара вежарий. 17 Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. 18 Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме+ 1:18 *Лараме *– кхузахь Якъуба Ӏийсах тешаш берш дуьххьара схьаэцначу ялтех тарбо, хьалха жуьгташа Везачу Элана сагӀина луш долу ялта санна.* хилийта.

ЛадогӀар а, кхочушдар а

19 Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза, 20 хӀунда аьлча адаман оьгӀазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту. 21 Цундела муьлхха а хьарам хӀума а, вон мел лелар а дӀадаккха. Далла муьтӀахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кӀелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тӀеэца.

22 Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш. 23 ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. 24 Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. 25 Амма Делан кхачаме болчу а, паргӀато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидӀа а тидам а беш, вицлуш волу ладогӀархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь декъалвина хир ву.

26 Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. 27 Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.

2

Озабезамах лаьцна

1 Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. 2 Нагахь шун гуламе, дашо мухӀар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а, 3 аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дӀахӀотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа». 4 Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух?

5 ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? 6 Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш? 7 Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?

8- 2:8 Ӏамалъяр 19:18. Нагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду. 9 Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо. 10 Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу. 11- 2:11 а: Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; б: Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17. «Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тӀедиллинарг дохош волу зуламхо ву. 12 ПаргӀато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гӀуллакх а де. 13 ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.

Тешар а, гӀуллакхаш дар а

14 ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза? 15 Нагахь вешина я йишина тӀеюху хӀума а, кхача а эшахь, 16 ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дӀагӀо, дох а ло, дуззалц хӀума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хӀун пайда бу цуьнан? 17 Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.

18 Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна. 19 Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо! 20 Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла? 21- 2:21 Доладалар 22:1-14. Шен гӀуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахӀим, шен кӀант Исхьакх сагӀа доккхучу меттиган тӀулгашна тӀе а виллина? 22 Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла. 23- 2:23 а: Доладалар 15:6; б: 2 Шерашкахь 20:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 41:8. Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахӀим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагӀа элира. 24 Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.

25- 2:25 Якъуба 2:1-21. Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гӀуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тӀе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дӀа а хьовсийна. 26 Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.

3

Шайн меттан дола де

1 Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю, 2 хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало. 3 Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугӀуш хилийта, тӀаккха церан догӀмаш леладо вай. 4 Масала, хӀордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тӀомаца дӀадохуьйту хӀордахочо шена луъучу. 5 Иштта, матто а, кӀезиг меже елахь а, доккхачу гӀуллакхашна тӀехь куралла йо.

Хьажал, жимачу цӀаро мел йоккха хьун ягайо! 6 Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза. 7 Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хӀордан дийнат а стага караӀамадан тарло (баккъалла а, уьш караӀамийна ду). 8 Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу. 9- 3:9 Доладалар 1:26. Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай. 10 Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. 11 Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? 12 Сан вежарий, инжиран дитта тӀе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тӀе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.

Лакхара долу хьекъалалла

13 Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза? 14 Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. 15 Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. 16 ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. 17 Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду. 18 Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу.

4

ХӀара дуьне дезар

1 Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тӀом бечу а, дуьненан хӀума тӀех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш? 2 ХӀума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чӀогӀа хьагӀ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хӀунда аьлча аша, Деле доьхуш, доӀа ца до. 3 Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хӀунда аьлча аша дикачу хӀуманна ца доьхуш, дуьненан хӀума тӀех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху. 4 Тешам боцурш! ХӀара дуьне дезар Делаца мостагӀалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагӀа хила лууш верг Делан мостагӀа хуьлу. 5 Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Ӏан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»? 6- 4:6 Кицанаш 3:34 (Грекийн). Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду:

«Дела курачарна дуьхьал ву,

амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».

7 Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду. 8 Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде. 9 Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла. 10 Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.

Вежаршна кхел ярх лардар

11 Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву. 12 Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кӀелхьарваккха а, хӀаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян?

Дозаллаш дарх лардар

13 Ткъа хӀинца аша ладогӀалаш, хӀара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гӀала а дахана, цигахь цхьана шарахь Ӏийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай». 14 Шуна ца хаьа, кхана хӀун хир ду. ХӀун ду шун дахар? КӀеззигчу ханна деана а, юха дӀадолу а дохк ду иза. 15 «Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хӀара я кхин дийр ду вай», – аларан метта, 16 шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду.

17 Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.

5

Хьалдолчарна дӀахьедар

1 ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш. 2- 5:2, 3 Маттай 6:19. Шун хьал, телхина, дӀадаьлла, шун духарш нецано диина. 3 Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цӀаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тӀаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина. 4- 5:4 Карлабаьккхинарг 24:14, 15. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дӀа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду. 5 Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тӀехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагӀа даккха кечдина бежанаш санна. 6 Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.

Собар а, доӀа а

7 Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре. 8 Иштта шу а чӀогӀа собаре хилалаш, шайн дегнаш чӀагӀделаш, хӀунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.

9 Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву. 10 Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цӀарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий. 11- 5:11 а: Аюб 1:21, 22; 2:10; б: Забур 102:8. Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.

12- 5:12 Маттай 5:34-37. Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.

13 Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доӀа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза. 14- 5:14 Марк 6:13. Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Ӏийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доӀа дан деза цунна тӀехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. 15 Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. 16 Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. 17- 5:17 Сулим 17:1; 18:1. Эли-ЯхӀу вай санна стаг вара. Цо, догӀа ма даийта аьлла, чӀогӀа доӀа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тӀе догӀа ца деара. 18- 5:18 Сулим 18:42-45. Юха цо доӀа дича, стигалара догӀа а деара, лаьтто шен стом а белира.

19 Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь, 20- 5:20 Кицанаш 10:12; 1 Кипин 4:8. цунна дӀахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кӀелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дӀа а къовлур ду.