ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар дӀаяздинера Дала леррина Къобалвинарг дуьнен чу валале, борхӀалгӀачу бӀешеран тӀаьххьарчу декъехь Ярушалайм-гӀалахь Ӏийначу пайхамаро. ХӀара тептар кхаа декъе декъалуш ду:
1) Тептаран хьалхара дакъа (1–39 кортош) къилбера пачхьалкх йолу ЯхӀуд-мохк нуьцкъала лулахо болчу Ашур-махко кхерош хиллачу заманах лаьцна ду. Амма ЕшаӀ-ЯхӀуна гира, Ашур-мехкан нуьцкъалалла хилла а ца Ӏаш, ЯхӀудан халкъан бакъболу кхерам хӀун бара: къомо летадо къинош а, Деле лацадогӀар а, Делах тешна Ӏаш цахилар а. Ирачу дешнашца а, билгалонаш санна долчу гӀуллакхашкахула а пайхамаро нахе а, церан куьйгалхошка а тӀекхойкхура шайн дахар нийса а, бакъдолуш а хилийтаре. Иштта цаьрга дӀахьедар дора, Деле цара ла ца догӀахь, царна бохам а, хӀаллакьхилар а хир ду аьлла. ЕшаӀ-ЯхӀус кхин а хаам бора цхьана тӀейогӀучу заманахь дерриг а дуьнен тӀехь машар хирг хиларх а, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах кхачаме паччахь хирг хиларх а.
2) Тептаран шолгӀа дакъа (40–55 кортош) ЯхӀудан къомах болу дукхахберш Бавел-махкахь йийсарехь хиллачу заманах лаьцна ду. Оцу заманахь нах дог доьхна а, дегайовхо йоцуш а бара. Пайхамаро хаамаш бора, Дала Шен къам паргӀатдаккхарх а, иза, цигахь керла дахар долорхьама, Ярушалайм-гӀала юхадерзорах а лаьцна. Тептаран оцу декъехь гойтуш ду, Дела историн олахо хилар. Шен къомана леринчуьнга хьаьжжина, Далла лаьа, дуьненан массо а къаьмнаш Шен Исраилан къомехула декъалдина хилар. Ширачу бартах лаьцна долчу тептарийн уггар девзачу дешнашна юкъахь «Везачу Элан ялхочух» лаьцна аьлларг ду.
3) Тептаран кхоалгӀа дакъа (56–66 кортош) халкъ Ярушалайм-гӀала юхадирзинчул тӀаьхьа йолчу заманах лаьцна ду. Оцу хенахь халкъана, чӀагӀдеш, хаийта дезаш дара, Шен къомана Ша дина ваӀданаш Дала кхочушдийриг хилар. Цуьнан гӀайгӀа яра нийсо а, бакъо а лелорах а, шоьтан деза де лардарх а, сагӀа даккхарх а, доӀанаш дарх а лаьцна. Тидам тӀебохуьйтуш ду 61 коьртан тӀера 1-2 аяташ, Ӏийсас Шен хьехам дӀаболош далийна дешнаш ду уьш.
11- 1:1 а: ТӀаьххьарнаш 15:1-7; 2 Шерашкахь 26:1-23; б: ТӀаьххьарнаш 15:32-38; 2 Шерашкахь 27:1-9; в: ТӀаьххьарнаш 16:1-20; 2 Шерашкахь 28:1-27; г: ТӀаьххьарнаш 18:1–20:21; 2 Шерашкахь 29:1–32:33. Ӏузи-ЯхӀу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхӀу а ЯхӀуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хӀиттийра.
ЕшаӀ-ЯхӀус дуьйцу Дала Шен халкъах бехк баккхарх лаьцна
2 ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. 3 Старана шен да вевза, вирана шен хӀусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета».
4 Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тӀаьхье! Веза Эла дӀа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. 5 Шуна кхидӀа а хӀунда таӀзар дан деза? Шу кхидӀа а хӀунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гӀелделла ду. 6 Когийн айрашна тӀера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегӀа тӀехь. ДегӀа тӀехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьӀнаш ду. Уьш цӀан ца дина, дӀа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама.
7 Шун латта дассаделла, гӀаланаш цӀеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бӀаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тӀелетча санна. 8 Цийонан йоӀ+ 1:8 *Цийонан йоӀ *– иза ю Ярушалайм-гӀала. И гӀала Цийон цӀе йолчу лам тӀехь лаьтташ ю.* го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тӀехь йолу кхалор санна. 9- 1:9 Доладалар 19:24; Римхошка 9:29. Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гӀала санна хир дара, Ӏамор-гӀаланах дӀатарлур дара.
10 Везачу Элан даше ладогӀа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тӀедиллиначуьнга ладогӀа, Ӏаморера халкъ! 11- 1:11-14 Ӏамос 5:21, 22. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагӀанаш дахар? УьстагӀий дагоран сагӀанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тӀехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Ӏахарийн а, гезарийн а цӀий Суна тамехь дац. 12 Шу Суна дуьхьалхӀитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. 13 Ма кхехьа Суна ца оьшу совгӀаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягош, доху сагӀанаш. Бутт цӀинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тӀаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! 14 Бутт цӀинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бӀаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кӀадвелла и мохь дӀакхехьа.
15 ДоӀанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бӀаьргаш дӀакъовлу, шайн доӀанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийх дуьзна ду. 16 Хих довла, цӀанло, шайн зуламе гӀуллакхаш Сан бӀаьргашна хьалхара дӀадаха, вониг ма де. 17 Диканиг дан Ӏама, нийсо лелор лаха, гӀело яр сацаде, вон гӀуллакх нийсонца къастаде, йисина Ӏачу зудчун бакъонаш ларъе.
18 Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кӀадин таьӀна-цӀен бос санна дӀа ца дахалуш делахь а, ло санна, кӀайдийр ду уьш. Уьш сирла-цӀен бедар санна делахь а, тӀаргӀа санна, кӀайдийр ду. 19 Нагахь, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург аша тӀеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. 20 Ткъа, Сох дӀа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дӀакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза.
Къинош летийна гӀала
21 Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гӀала хӀинца, кхечу деланашна Ӏамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Ӏаш яра, амма хӀинца цигахь адамаш дойурш бен бац! 22 Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагӀар хино талхийна. 23 Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хӀуманна тӀаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Ӏачу зудчун гӀуллакх цара къаста ца до.
24 Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргӀатвоккхур ву Аса, Сайн мостагӀашна бекхам бийр бу Аса! 25 Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тӀера боьханиг дӀадоккхур ду, тӀелеттачух хьо цӀанйийр ю. 26 Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тӀаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гӀала“ а эр ду».
27 Цийон нийса йинчу кхело кӀелхьарйоккхур ю, Далла тӀебирзина цуьнан бахархой кӀелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш. 28 Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дӀатеснарш хӀаллакбийр бу.
29 Шу юьхьӀаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цӀушна Ӏибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела. 30 ГӀа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. 31 Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гӀуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дӀа а ца дойуш.
2Дуьнен тӀехь долу машаран паччахьалла
(Мика-ЯхӀу 4:1-3)
1 Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора:
2 ТӀаьхьарчу деношкахь иштта хир ду:
Везачу Элан цӀа лаьтташ болу лам
массо а лаьмнийн коьрте дӀахӀоттор бу.
Иза массо а баьрзнел лакхабер бу,
цунна тӀе дерриг а халкъаш оьхур ду.
3 Дуккха а халкъаш тӀедогӀур ду. Цара эр ду:
«Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тӀе а,
Якъубан Делан цӀа долчу а хьаладевр ду.
Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду.
ТӀаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду».
ХӀунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тӀера схьабер бу,
ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
4- 2:4 Юал 3:10; Мика-ЯхӀу 4:3. Цо къаьмнашна юкъахь маслаӀат дийр ду,
дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу.
ТӀаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу,
ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду.
Цхьана халкъо вукху халкъана тӀе тур ойур дац.
Уьш тӀом бан кхин Ӏемар бац.
5 Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.
Дегалла дӀаяккхар
6 Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан. 7 Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю. 8 Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.
9 ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!
10- 2:10 Довзийтинарг 6:15; 2 Тассалникахошка 1:9. Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. 11 Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. 12 Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаӀор бу. 13 И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а, 14 дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а, 15 муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а, 16 Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. 17 Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ, 18 ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.
19 Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. 20 Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу, 21 тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.
22 Стагах бӀобулий ма Ӏе – мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?
3Ярушалаймана таӀзар дар
1 Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а массо а тайпана гӀо а, гӀоьнча а дӀаваккха хӀутту. Цо дӀабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, 2 турпалхо а, тӀемало а, кхелахо а, пайхамар а, пал тосург а, воккха стаг а, 3 тӀеман хьаькам а, цӀеяхана верг а, хьехамча а, говза пхьар а, молханаш лелош верг а. 4 Везачу Эло бераш хӀиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КӀентий хир бу царна тӀехь олалла деш. 5 Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гӀело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо – лараме верг.
6 ТӀаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тӀехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хӀокху саьлнийн дола дехьа».
7 Амма цо чӀагӀонца эр ду: «Соьга хӀумма а нислур дац нахана юкъахь, сан чохь бепиг а дац, тӀехулара бедар а яц, сох халкъан баьчча ма велаш».
8 Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхӀудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна. 9 Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.
10 Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо. 11 Ткъа Ӏесачун къа ду, хӀунда аьлча ша динчу вочу гӀуллакхашна бекхам хир бу цунна.
12 Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.
Везачу Эло Шен халкъана кхел йо
13 Кхел ян гӀаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама. 14 Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хӀонсах шун цӀенош дуьзна ма ду! 15 Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
Ярушалаймера зударшна дӀахьедар дар
16 Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бӀаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тӀера зӀенаш а екош, лела. 17 Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».
18 Цу дийнахь Везачу Эло хаза хӀуманаш цаьргара дӀайохур ю: когаш тӀера хаза зӀенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тӀеухку хӀуманаш а, 19 лергах ухкургаш а, хӀазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духӀи чохь долу шишанаш а, молханаш а, 20 пӀелгах а, мерах а юхку чӀагарш а, 21 тӀехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а, 22 сирла а, дуткъа а кӀадеш а, таьжнаш а, корталеш а.
23 Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кӀунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост+ 3:23 *ХӀост *– бежана довзийта билгало яр.* хир ду.
24 Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу. 25 ГӀалин кевнийн бӀогӀамаша гӀайгӀа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гӀала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Ӏаш хир ю.
41 Цу дийнахь ворхӀ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цӀе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тӀера эхь дӀадаккха».
Ярушалайм юхаметтахӀоттор
2 Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зӀийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. 3 Цийонан гӀалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гӀалахь дахарна дӀакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду. 4 Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цӀена ца хилар дӀадаьккхича, Ярушалайм цунна тӀерачу цӀийх дӀацӀанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цӀеран а синца. 5- 4:5 Арадаккхар 13:21; 24:16. Берриг а Цийон-лома тӀехула а, цунна тӀехь мел гулбинчу нахана тӀехула а Везачу Эло дийнахь кӀуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цӀе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тӀехь марханан кхалор хир ю. 6 Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дӀалачкъа ӀиндагӀ лур ду, ткъа догӀанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю.
5Кемсийн бешах долу илли
1- 5:1, 2 Маттай 21:33; Марк 12:1; Лака 20:9. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса,
Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли.
Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра
хьийкъинчу лам тӀехь.
2 Бешара латта а аьхкина, тӀулгаш дӀа а даьхна,
тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгӀира Цо цига.
Цул тӀаьхьа беша юккъехь бӀов а йира,
муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира.
Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Ӏийра Иза,
амма цо муьста кемсаш бен ца елира.
3 Ткъа хӀинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхӀуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гӀуллакх къастадейша. 4 Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хӀун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Ӏаш хилча, муьста кемсаш хӀунда елла цо?
5 Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дӀайоккхур ю Аса, тӀаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тӀаккха иза массара а хьоьшур ю. 6 Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тӀаккха цу тӀехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тӀе догӀа ма даийта аьлла».
7 Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду,
ЯхӀудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю.
Иза нийсо хиларе хьийжира,
амма ницкъ бар хилира,
бакъдолчуьнга хьийжира,
амма бакъонаш йохор хилира.
Вониг а, цунна догӀу таӀзар а
8 Къа ду шун, цӀенна тӀе цӀа а, аренна тӀе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хӀокху лаьтта тӀехь доцуш санна. 9 Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Дуккха а долу и цӀенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Ӏаш нах а боцуш хир ду. 10 Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагӀар бен лур дац. Пхи гали дӀадийначу хӀуьно цхьа мазал+ 5:10 *Мазал *– хӀуманан йозаллин барам. Цхьа мазал шина гирданан барам бу.* кӀа бен лур дац».
11 Къа ду, Ӏуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гӀевттина, чагӀаро шаьш дох а деш, сарралц Ӏийначийн. 12 Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргӀанаш а, зурманаш а, иштта чагӀар а ду. Амма Везачу Элан гӀуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. 13 Иштта, сан халкъ йийсаре гӀур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. 14 Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гӀаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гӀовгӀа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду.
15 Нах лахбийр бу, адамаш охьатаӀор ду, ткъа курачийн бӀаьргаш а охьахьовсуьйтур бу. 16 Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду. 17 Шайн дежийлашкахь санна, Ӏахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дӀатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хӀума кхоллур ю.
18 Харцонийн машшашца шайна тӀаьхьа къа кхоьхьучеран а, гӀудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тӀеийзочеран а къа ду. 19 Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!»
20 Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета!
21 Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн!
22 Къа ду чагӀар мала майрачийн а, чӀогӀа малар кечдан говзачийн а. 23 Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцӀеначарна нийсаниг дан ца магадо! 24 ЦӀеро ча дӀакхаллар санна а, екъа буц цӀеран алунашкахь дӀаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дӀасадер ду, хӀунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. 25 Цу бахьаненна Везачу Эло оьгӀазалла Шен халкъана тӀе йоссор ю, Цо, тӀе куьг а кховдийна, таӀзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Ӏохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дӀакховдийна лаьтташ хир ду.
26 Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Ӏачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагӀа сиха а, атта а схьакхочуш ву! 27 Царна юкъара цхьа а кӀад ца ло, цхьаннан а ког а ца тасало. Царах цхьанна а наб оза ца йо, цхьа а ца тхьаьвса. Цхьаммо а гӀодаюкъ а ца йосту, цхьаннан а мачийн бахтар а ца хеда. 28 МостагӀчун пхерчий ира ду, Ӏедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гӀудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю. 29 Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац.
30 Оцу дийнахь марсбаьллачу хӀордо ен гӀовгӀа санна лаьтта тӀехь мостагӀа гӀергӀаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дӀакхоллур ю.
6Дала ЕшаӀ-ЯхӀу пайхамар хила тӀекхайкхар
1- 6:1 ТӀаьххьарнаш 15:7; 2 Шерашкахь 26:23. Ӏузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера. 2 Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш+ 6:2 *Сирап-маликаш *– ялх тӀам болу стигалшкара хӀума.*. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш. 3- 6:3 Довзийтинарг 4:8. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара:
«Веза ву, веза ву, веза ву
массо а ницкъийн Веза Эла!
Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»
4- 6:4 Довзийтинарг 15:8. Церан аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.
5 Ас элира: «Къа ду сан! ХӀаллакьхили со! Сан бага цӀена яц, цӀена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Ӏаш а ву со, ткъа сан бӀаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».
6 ТӀаккха цхьа сирап-малик суна тӀедеара. Морзахца сагӀа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кӀега бара цуьнан карахь. 7 КӀега сан бетах а Ӏоьттина, цо элира: «ХӀара хьан бетах хьакхабелла, хӀинца хьан бехк дӀа а баьккхина, хьан къиношна гечдина».
8 Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гӀур ву Вайн дуьхьа?»
ТӀаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».
9- 6:9, 10 Маттай 13:14, 15; Марк 4:12; Лака 8:10; Яхьъя 12:40; Векалийн 28:26, 27. Цо элира: «Ваха а гӀой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша“. 10 Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».
11 Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?»
Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц. 12 Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дӀадуьгуьйтур ду, тӀаккха хӀара латта чӀогӀа дассалур ду. 13 Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».
7Ахьаз-паччахьна лерина болу хаам
1- 7:1 ТӀаьххьарнаш 16:5; 2 Шерашкахь 28:5, 6. Ӏузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан+ 7:1 *Арам-мохк *– иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.* паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.
2 Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца+ 7:2 *Эпраймхой *– къилбаседера пачхьалкх йолчу Исраил-мехкан уггар доккха тайпа Эпрайман тайпа дара.* цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.
3 Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб+ 7:3 *Шиар-Яшаб *– и цӀе «нахах бисинарш бен юхабоьрзур бац» маьӀна долуш ю (Деша 10:20-22).* а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а. 4 Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела. 5 Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху: 6 ‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.
7 Амма Хьалдолчу Эло боху:
‘И хӀума лаьттар дац,
и гӀуллакх кхочушхир дац,
8 хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю,
ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац.
Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой,
шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.
9 Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю,
ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац.
Нагахь санна шу ца тешахь,
шу чӀагӀдина хир дац’“».
Делан билгало: Ӏимануал
10 Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира: 11 «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».
12 Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».
13 ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? 14- 7:14 Маттай 1:23. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал+ 7:14 *Ӏимануал *– кху цӀеран маьӀна «Дела тхоьца ву» бохург ду.* туьллур ю. 15 Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц. 16 И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.
17 Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду – Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.
18 Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий+ 7:18 *Мозий... накхармозий *– уьш эскарш ду бохург ду.* а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама. 19 Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.
20 Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.
21 Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац, 22 амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.
23 Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю. 24 Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю. 25 Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».
8ЕшаӀ-ЯхӀун кӀант билгало хилар
1 Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз+ 8:1 *МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз *– иза «хӀонсе сихвалар, къолане марзвалар» бохург ду.*“». 2 Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхӀу а, Юбарах-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу а.
3 Шегахь Делера хаам болуш йолчу зудчух кхийтира со. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Везачу Эло соьга элира: «Цуьнан цӀе МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз тилла, 4 хӀунда аьлча цу кӀантана „сан да“, „сан нана“ ала Ӏамале, Дамасакх-гӀалин хьал а, Шамран-гӀалин хӀонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалххула дӀахьур ду».
Ашур-мехкан паччахь тӀелатар
5 Везачу Эло кхин а цкъа соьга къамел дира: 6 «ХӀара халкъ тийна догӀучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхӀун а кӀантах а доккхадерна, 7 Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду. 8 ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!»
9 МостагӀалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогӀалаш! ТӀамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХӀаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду! 10 Дага хӀуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хӀунда аьлча тхоьца Дела ву!
Везачу Элах тешна Ӏаш хиларе кхайкхар
11 Суна тӀе онда куьг а диллина, цу халкъан новкъахула лелар суна дехка а доьхкуш, Везачу Эло соьга иштта элира: 12- 8:12, 13 1 Кипин 3:14, 15. «Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хӀуманах ма кхера, ткъа Ӏадийна ма хила. 13 Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Ӏадийна ма хила! 14- 8:14, 15 1 Кипин 2:8. Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тӀулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речӀа а, гур а хир бу. 15 Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хӀаллак а хир бу, речӀанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу».
16 ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла. 17- 8:17 Ӏебархошка 2:13. Якъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со. 18- 8:18 Ӏебархошка 2:13. ХӀара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тӀехь Ӏаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо.
19 Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
20 Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац!
21 Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. 22 Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хӀинца ша чӀагӀбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода.
9ВогӀур волу Паччахь
1- 9:1 Маттай 4:15. Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тӀейогӀуш йолчу хенахь хӀордйистера некъ шена тӀехь болу мохк – Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а – сий дина хир бу.
2- 9:2 Маттай 4:16; Лака 1:79. Боданехь леллачу халкъана
йоккха серло гира!
Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь
Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!
3 Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ,
Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар.
Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна,
хӀонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза.
4 ХӀунда аьлча Ахь кагдина дӀадаьккхина
цунна хало йина долу дукъ а,
цуьнан белшаш тӀе йиттина Ӏаса а,
цунна ницкъ бинчун гӀаж а,
маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.
5 ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш
яго цӀерга тосур ю.
ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш
цӀеро дӀакхоллур ю.
6 ХӀунда аьлча вайна бер дина –
кӀант велла вайна.
Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь.
Цунна цӀе туьллур ю:
Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела,
Гуттар а волу Да, Машаран Эла.
7- 9:7 Лака 1:32, 33. Цуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду,
цу чохь машар даим лаьтташ хир бу.
Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо
шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду.
И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна,
цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо
нийсонца а, диканца а,
хӀинца дуьйна абаденналц.
Массо а ницкъийн Везачу Элан
эмгаралло кхочушдийр ду иза.
Исраилан курачу къомана таӀзар дар
8 Хьалдолчу Эло таӀзар до Якъубан тӀаьхьенна, исраилхошна хуьлу и таӀзар. 9 Цунах лаьцна хуур ду берриге а исраилхошна – Эпрайман тайпанна а, Шамран-гӀалин бахархошна а. Цу наха кураллица а, ца башарца а боху: 10 «Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тӀулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугӀур ду».
11 Рицанан мостагӀий Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалбехира, ткъа Исраилан мостагӀий иракарахӀиттийра Рицанна тӀелата. 12 Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
13 Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тӀе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. 14 Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу. 15 Воккханиг а, цӀе яхана верг а, – иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар – иза цӀога ду. 16 Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу. 17 Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
18 Харцо цӀерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кӀохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кӀур стигала хьала а болуьйтуш. 19 Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цӀе тосу, ткъа халкъ цӀеро дӀакхоллу. Стаг шен ваша кӀелхьарваккха а ца хьожу. 20 Нах, аьтту агӀор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агӀор кхевдича а, меца буьсур бу. ХӀора а шен гергарчунна тӀелетар ву. 21 Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
101 Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дӀаязбечеран а. 2 Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гӀийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Ӏачу зударийн а, байн а долахь дерг дӀадоккху. 3 ТаӀзар дечу дийнахь, геннара бохам тӀебеача, хӀун дан дохку шу? Хьаьнга гӀо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? 4 Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
Ашур-мехкан паччахь Делан герз хилар
5- 10:5-34 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:24-27; Нахьум 1:1–3:19; Цапни-ЯхӀу 2:13-15. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгӀазаллин гӀаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Ӏаса ю. 6 Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».
7 Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Ӏалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хӀаллакдан а. 8 Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? 9 КӀаркамиш-гӀалина динарг Хална-гӀалина ца дина те? Арпад-гӀалина динарг Хьамат-гӀалина ца дина те? Дамасакх-гӀалина динарг Шамран-гӀалина ца дина те? 10 ЦӀуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цӀуш Ярушалаймехь а, Шамран-гӀалахь а болчу цӀуйл нуьцкъала бара – 11 Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гӀалина а, цуьнан цӀушна а диннарг дийр дац Аса?»
12 Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».
13 Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хӀунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дӀадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргӀано санна аса паччахьаш шайн гӀанташ тӀера чукхиссина. 14 Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хӀоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тӀам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гӀаттий, я цхьа а гӀовгӀа а ца йи».
15 Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тӀехь олалла дийр дуй те гӀожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те?
16 Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тӀемалошна тӀе хӀоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цӀе латор ю, ткъа и цӀе чӀогӀа йогуш хир ю. 17 Исраилан Серлонах цӀе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. 18 Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хӀаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гӀелваларх тера хир ду иза. 19 Бере а дагардаллал кӀезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь.
Бисина исраилхой Далла тӀе берзар
20 Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тӀаьхьенах кӀелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Ӏаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. 21 Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тӀаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тӀе боьрзур бу. 22- 10:22, 23 Римхошка 9:27. ХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду. 23 Халкъ хӀаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хӀаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву.
Ашуран къомана таӀзар дар
24 Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гӀожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а. 25 Жимма хан яьлча, Сан оьгӀазалла дӀаер ю, тӀаккха Сан дералла уьш хӀаллакбарна тӀейоьрзур ю». 26 Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Ӏораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Ӏаса Цо хӀорда тӀехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю. 27 Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тӀера Ашуран беза мохь дӀабоккхур бу. Хьан вортанна тӀера дукъ дӀадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.
Хийрачу мехкашкара бӀо тӀелатар
28 Ашурхой Ӏаят-гӀалина тӀелетта, МагӀран-гӀаланах чекх а бевлла, Михмас-гӀалахь тӀаьхьалонна дерг охьадуьллу цара. 29 Лаьмнех дехьа а бевлла, ГибаӀ-гӀалахь буьйса яккха совцу уьш. Рама-гӀалин бахархой бегош бу, Шаулан ГебаӀ-гӀалахь Ӏаш берш дӀасабевдда. 30 Орца даккха, Галлам-гӀалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гӀалин бахархой! Жоп ло, Ӏанатот-гӀалин бахархой! 31 Мадмуна-гӀалара нах бевдда, Гибаймера бахархой дӀабаха сихбелла. 32 Оццу дийнахь Нуб-гӀалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гӀалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара.
33 Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гӀоранца дитташ тӀера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дӀахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду. 34 Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю.
11Машаран пачхьалкх
1- 11:1 Довзийтинарг 5:5; 22:16. Юшайн+ 11:1 *Юшай *– иза Дауд-паччахьан да хилла.* юьхках зӀийдаг хьалаер ю,
цуьнан орамех га схьадер ду.
2 Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду.
Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу,
Цо хьехам а, ницкъ а лур бу,
Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву,
Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.
3 Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду.
БӀаьргашца гиначуьнга хьаьжна,
цо гӀуллакх къастор дац,
лергашца хезначуьнга хьаьжна,
цо нахана кхел йийр яц.
4- 11:4 2 Тассалникахошка 2:8. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо,
лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх
догцӀеналлица къастор ду цо.
ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца
цо лаьттана еттар ю.
Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца
цо Ӏесанаш бойур бу.
5- 11:5 Эпасхошка 6:14. Нийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю,
тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.
6- 11:6-9 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:25. ТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю,
цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду,
эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду.
Жимачу беро лелор ду уьш.
7 Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу,
церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю,
лоьмо, старо санна, ча дуур ду.
8 Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду,
цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.
9- 11:9 Хьабукъа 2:14. Берриг а Сан безачу лам тӀехь
зен а, зулам а хир дац,
хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна,
Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.
Йийсаре дӀабигнарш юхаберзар
10- 11:10 Римхошка 15:12. Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю. 11 Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дӀакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатӀрус-махкара а, Хуша-махкара+ 11:11 *Хуша-мохк *– Хуша аьлла долу латта Нил-хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏуьллуш долу латта дара. Цунна чудогӀуш дара Мисар-мехкан къилбехь Ӏуьллуш долу латта а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латта а, иштта хӀинцалерчу Эфиопина къилбаседехьа долу латта а.* а, Ӏейлам-махкара а, ШанӀар-махкара а, Хьамат-гӀалара а, хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. 12 Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу. 13 Эпрайман хьагӀ а дӀаер ю, ЯхӀудан мостагӀалла дӀахедар ду. Эпрайман ЯхӀуде хьагӀ хир яц, ЯхӀуда Эпраймана мостагӀалла лелор дац. 14 Эпрайман а, ЯхӀудан а къам, малхбузехьа а дахана, пӀелаштамхошна тӀелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Ӏамминан халкъ муьтӀахь хир ду цушинна. 15- 11:15 Довзийтинарг 16:12. Мисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. 16 ТӀаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра.
12Баркаллин илли
1 Цу дийнахь вайн къомо эр ду:
«Хьо хаставо оха, Веза Эла.
Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а,
Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина,
Ахь тхуна синтем белла.
2- 12:2 Арадаккхар 15:2; Забур 117:14. Дела ву тхо кӀелхьардоккхург,
Цунах тхо тешна Ӏаш ду,
тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах,
хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа оха илли олу,
Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.
3 КӀелхьардовларан хьостана чуьра
хи оьцур ду аша самукъадаларца».
4 Цу дийнахь аша эр ду:
«Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга,
халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца,
Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.
5 Иллица хаставе Веза Эла,
Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.
6 Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ,
хӀунда аьлча Исраилан Везаниг
хьуна юкъахь сийлахь ву».
13Бавелна бекхам бар
1- 13:1–14:23 ЕшаӀ-ЯхӀу 47:1-15; Ярми-ЯхӀу 50:1–51:64. ХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.
2 «Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта. 3 Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла.
4 ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама. 5 Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама.
6- 13:6 Юал 1:15. Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. 7 Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду. 8 Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. 9 ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де. 10- 13:10 Яхьазкхиал 32:7; Маттай 24:29; Марк 13:24, 25; Лака 21:25; Довзийтинарг 6:12, 13; 8:12. Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц.
11 Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду. 12 Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас. 13 Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.
14 ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву. 15 Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву. 16 Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу.
17 Ас царна дуьхьал мадайхой+ 13:17 *Мадайхой *– уьш Бавел-махкана къилбаседе-малхбалерачу къомах бу. ТӀаьхьо и къам парсихойн пачхьалкхана чудогӀура.* бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. 18 Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара. 19- 13:19 Доладалар 19:24. Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю. 20 Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац. 21- 13:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:14; Цапни-ЯхӀу 2:14; Довзийтинарг 18:2. Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. 22 Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».
14Йийсаре дӀадигначуьра халкъ юхадерзар
1 Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш. 2 Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду.
Бавелан паччахьах кхаьрдаш долу илли
3 Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь, 4 Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь:
«Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна! 5 Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина. 6 Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. 7 Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта. 8 Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“.
9 Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо. 10 Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“ 11 Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду.
12- 14:12 Довзийтинарг 8:10; 9:1. Стигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! 13- 14:13-15 Маттай 11:23; Лака 10:15. Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со. 14 Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“. 15 Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна.
16 Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг, 17 гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“
18 Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву. 19 Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. 20 Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье. 21 Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта».
Бавел а, Ашур-мохк а бохор
22 «Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. – 23 Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
24- 14:24-27 ЕшаӀ-ЯхӀу 10:5-34; Нахьум 1:1–3:19; Цапни-ЯхӀу 2:13-15. Массо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. 25 Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу». 26 Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, 27 хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?
ПӀелаштамхой хӀаллакбар
28- 14:28 ТӀаьххьарнаш 16:20; 2 Шерашкахь 28:27. Ахьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира:
29- 14:29-31 Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7. «Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу. 30 Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву.
31 Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь.
32 ПӀелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хӀун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гӀала чӀагӀйина дӀахӀоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гӀело хьегначарна дӀалечкъийла карор ю“».
15Муаби-мохк бассор
1- 15:1–16:14 ЕшаӀ-ЯхӀу 25:10-12; Ярми-ЯхӀу 48:1-47; Яхьазкхиал 25:8-11; Ӏамос 2:1-3; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. ХӀара бу Муабих лаьцна болу хаам.
Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Ӏар-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Кхир-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! 2 Нах шайн делан цӀа а, Дибон-гӀала а йолчу богӀу, уьш сагӀа доккхучу гунашна тӀе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гӀаланех. Церан массеран а кортош дӀалергина ду, массеран а мажош дӀаяьшна ю. 3 Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тӀехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бӀаьрхих дуьзна а ду. 4 Хьешбон а, ЭлиӀала а гӀаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхӀац-гӀалина тӀекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тӀемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу. 5 Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦӀоӀар-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цӀе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чӀогӀа белхар хӀоттадо цара. 6 Нимрайман хиш дӀалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргӀалйоьлла, соьналла а дӀаяьлла. 7 Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха. 8 Берриг а Муаби-махкахь белхар ду, АгӀлайм-гӀалина а, Беар-Элим цӀе йолчу меттигна а тӀекхаччалц ду тийжар. 9 Дибон-гӀала цӀийх хьалаюьзна ю, амма Везачу Эло кхин а зен дийр ду цу махкана – Муабера бевддачарна а, махкахь бисинчарна а тӀе лом хоьцур ду.
16Муабин доьхна хьал
1 «Вайн лаьттан олахочунна совгӀатна Ӏахарий дахьийта СилаӀ-гӀалара яьссачу аренгахула Цийонан йоӀан лам тӀе». 2 Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь.
3 «Хьехар лохьа, хӀун дан деза алахьа, – боху муабахоша ЯхӀудан халкъе. – Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ӀиндагӀца дӀахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Ӏора ма дахахьа. 4 Хьо волчохь Ӏайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хӀаллакбечух йолу дӀалечкъийла царна хилахьа».
Ницкъбийриг дӀавер ву, хӀаллакдар а соцур ду, гӀело йийраш лаьтта тӀера дӀабевр бу. 5 ТӀаккха хедар боцучу безаман бух тӀехь паччахьалла дӀахӀоттор ду, Даудан тӀаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву.
6 «Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду».
7 Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гӀалара Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду. 8 Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гӀалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гӀалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДӀаяханчу хенахь и таьллангаш ЯӀзир-гӀалина тӀекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дӀаса а яьржаш, хӀордал дехьайовлуш яра. 9 Цундела со а, ЯӀзирера бахархой санна, тийжар ву хӀаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бӀаьрхиш Ӏенор ду ас, Хьешбон-гӀалара а, ЭлиӀала-гӀалара а бахархой, хӀунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гӀовгӀанечу самукъадаларан метта тӀеман маьхьарий детташ ду. 10 Токхечу лаьтта тӀера самукъадалар а, доккхадедар а дӀаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дӀасацийна. 11 Цундела мерзаша роггӀана дагадо пӀелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. 12 СагӀа доккхучу шайн гуна тӀе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кӀадбахь а, шайн деланийн цӀенна тӀе а баьхкина, шаьш доӀанаш дахь а, гӀуллакх хир дац.
13 Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош. 14 Ткъа хӀинца Везачу Эло иштта боху: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хӀаллакйийр ю. Бисинарш вуно кӀезиг а, ницкъ боцуш а хир бу».
17Сири-махкана а, Эпрайм-махкана а таӀзар дар
1- 17:1-3 Ярми-ЯхӀу 49:23-27; Ӏамос 1:3-5; Закри-ЯхӀу 9:1. ХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам.
«ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах. 2 ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду. 3 Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
4 Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тӀаьхьенан сийлалла дӀаер ю. Хьийкъина дегӀ санна долу и халкъ азлур ду. 5 Маьрсахочо, арахь лаьтта кӀа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогӀи чохь дисина кӀен кенаш гулдар санна хир ду иза. 6 Зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тӀехь а буьсур бу», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
7 Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бӀаьргаш Исраилан Везачу Далла тӀехьажийна хир бу. 8 Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а.
9 Церан чӀагӀйина гӀаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тӀехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гӀаланашна чуьра нах дӀабевдда, исраилхой махкана тӀелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду.
10 Иштта хир ду шуна шайн кӀелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дӀалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тӀера маргӀалш доьгӀна аша. 11 Шаьш маргӀалш дӀадугӀучу хенахь аша гӀайгӀа бира уьш кхиийта, Ӏуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хӀумма а хир яц – цамгар а, дӀа ца доьрзу лазарш а бен.
МостагӀийн эскарш эшор
12 ЛадогӀа! Дуккха а халкъийн гӀовгӀа ю! Ловзабаьллачу хӀордо санна, гӀовгӀа йо цара. Къаьмнийн угӀар ду! Сиха догӀучу доккхачу хин гӀовгӀа санна, ду церан угӀар. 13 ГӀергӀаш догӀу доккха хи санна, угӀуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дӀадовду. Мохо лаьмнаш тӀехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. 14 Суьйре тӀееача, кхерам хӀутту, амма Ӏуьйре тӀекхачале мостагӀий дӀабевлла бу. Иштта хир ду вайх хӀонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна.
18Хуша-махкана таӀзар дарх лаьцна
1- 18:1-7 Цапни-ЯхӀу 2:12. Сагалматийн тӀемийн гӀовгӀанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду. 2 Нил-хина тӀехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тӀера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тӀехь хишна тӀехула лела. ТӀах-аьлла векалш, дӀадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тӀе гӀо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу.
3 Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тӀехь байракх дӀатоьхча, ладогӀалаш, лоькхучу коьман маӀан аз хезча. 4 Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хӀусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна. 5 Кемсаш лахьо хан тӀекхачале, церан заза а доьжна, стом кхиа болабелча, Везачу Эло уьрсаца ца оьшу гаьннаш дӀа а хедийна, дӀакхуьссур ду, маргӀалш а хедор ду. 6 Лаьмнаш тӀера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Ӏа доккхур ду цу меттехь».
7 Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тӀехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагӀанаш.
19Мисар-махках хиндерг
1- 19:1-25 Ярми-ЯхӀу 46:2-26; Яхьазкхиал 29:1–32:32. ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам.
Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу. 2 «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. 3 Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш. 4 Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
5 Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду. 6 Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду. 7 Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац. 8 Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу. 9 Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу. 10 КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.
11 ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»? 12 Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а! 13 ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а. 14 Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой. 15 Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана – коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.
Мисархоша Веза Эла хастор
16 Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. 17 ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.
18 Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала»+ 19:18 *Цхьадолчу ширачу тептарш тӀехь: *маьлхан гӀала. *Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: *хӀаллакьхиларан гӀала.* эр ду.
19 Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу. 20 И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина. 21 Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара. 22 Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.
23 Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу. 24 Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. 25 Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».
20Пайхамаран верзина леларан билгало
1 Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тӀеман коьрта хьаькам Ашдод-гӀалина тӀе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хӀара хилира. 2 Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара. 3 ТӀаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаӀ-ЯхӀу кхаа шарахь верзина а, когаш Ӏуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана+ 20:3 *Хуша-мохк *– Хуша аьлла долу латта Нил-хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏуьллуш долу латта дара. Цунна чудогӀуш дара Мисар-мехкан къилбехь Ӏуьллуш долу латта а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латта а, иштта хӀинцалерчу Эфиопин къилбаседехьа долу латта а.* а хиндолчунна билгало яра. 4 Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дӀабуьгур бу. Берзина а, когаш Ӏуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. 5 Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьӀаьржа а хӀуьттур бу. 6 Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»
21Бавел-гӀала йожар
1 ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам.
Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара. 2 Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву.
Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.
3 Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со. 4 Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.
5 Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош – дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»
6 ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга. 7 Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».
8 Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со. 9- 21:9 Довзийтинарг 14:8; 18:2. Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».
10 Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.
Эдом-махках болу хаам
11 ХӀара бу тийналлин махках+ 21:11 *Тийналлин мохк *– иза «Эдом-махках» хиндерг дӀайоьллу цӀе ю.* болу хаам.
СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»
12 Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».
Ӏаьрби-махках болу хаам
13 ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам.
Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша. 14 Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла, 15 хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.
16 Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю. 17 Къедархойн майра тӀемалой болчу Ӏадкхуссурхойх кӀеззиг берш бен дийна буьсур бац», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
22Ярушалаймах болу хаам
1 ХӀара бу хӀоттийначу суьртан тогӀих болу хаам.
Шун бахархошна хӀун хилла, уьш берриш а тхевнаш тӀе хьала хӀунда бевлла, 2 гӀовгӀане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гӀала? Хьан хӀаллакьхилларш туьро а ца байина, тӀамехь а ца белла. 3 Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Ӏад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а. 4 Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гӀерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». 5 ХӀоттийначу суьртан тогӀи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гӀалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду.
6 Шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а Ӏейлам-махкара тӀемалой тӀебогӀу, тӀом бан Ӏад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тӀемалоша турсаш кечдина. 7 Хьан тоьлла йолу тогӀеш гӀудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу. 8 ТӀаккха Везачу Эло ЯхӀудан къомера лардар дӀадаьккхира.
Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цӀе йолчу паччахьан цӀа чохь Ӏалашдеш долчу герзашка. 9 Шуна гира Даудан гӀалин пенашна даьхна Ӏуьргаш. Лахарчу Ӏома чохь хи гулдеш дара шу. 10 Ярушалаймерчу цӀеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цӀенош дохийра аша, гӀалин пенаш чӀагӀдархьама. 11 Ширачу Ӏома чуьра хи, схьа а эцна, Ӏалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гӀуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша.
12 Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. 13- 22:13 1 Коринтхошка 15:32. Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагӀий а дойуш, жижиг дууш а, чагӀар молуш а дара. «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша.
14 Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХӀокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дӀадовллалц», – чӀагӀо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
Шибне дӀахьедар дар
15 Иштта боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло: «Ваха а гӀой, паччахьан цӀийнан хьаькаме Шибне дӀаала: 16 „Хьан кхузахь хӀун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаӀаран цӀа аьгна! 17 ЛадогӀа, хьайх майраниг аьлла цӀе йоккхург, Везачу Эло хьо дӀакхуссур ма ву! Хьо чӀогӀа схьалоцур ву Цо. 18 Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тӀе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гӀудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цӀенна хьо эхье хӀума ма ю! 19 Аса, хьайн меттера дӀа а ваьккхина, даржах вохор ву хьо“.
20 Оцу дийнахь Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Сайн лай волу Элъякъим тӀекхойкхур ву Ас. 21 Хьан духар цунна тӀе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дӀалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхӀудан тӀаьхьенна а да хир ву иза тӀаккха. 22- 22:22 Довзийтинарг 3:7. Даудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц. 23 Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чӀагӀвийр ву Ас иза. Шен ден цӀийнан сий ойур ду цо. 24 Цунна тӀехь кхозуш хир ду цуьнан ден цӀийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догӀуш. Цуьнан хьостамна тӀехь массо а пхьегӀа кхозуш хир ю – боганашна тӀера кхабанашна тӀекхаччалц.
25 Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тӀехь кхозуш дерг, доьхна, дӀадер ду». Иштта боху Везачу Эло.
23Цора-гӀаланах болу хаам
1- 23:1-18 Яхьазкхиал 26:1–28:19; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Закри-ЯхӀу 9:1-4; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14. ХӀара бу Цора-гӀаланах болу хаам.
Белха, Таршаш-махкара богӀу кемалелорхой, Цора-гӀала йохийна йолу дела. Цуьнан цӀенош а, хӀордкеманаш тӀедогӀийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. 2 ГӀайгӀане хила, хӀордан йистера бахархой! ХӀорда тӀехула лелаш болчу ЦӀадан-гӀалара совдегарша шу хьаладузура. 3 Шихьор-хин уллора кӀа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тӀехула цу гӀали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гӀаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира.
4 Эхь хета, ЦӀадан-гӀала, хӀунда аьлча хӀордо – хӀордан чӀагӀоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кӀентий а, йоӀарий а ца кхиийна ас».
5 Мисархошка хабар дӀакхаьчча, Цора-гӀаланах дерг а хезна, холчу хӀуьттур бу уьш.
6 Таршаш-махка дӀакхалха! ХӀордан йистехь бехаш берш, белха! 7 Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хӀетахь йоккхаеш йолу шун гӀала хӀара юй? Генарчу мехкашкахь Ӏархьама, цу гӀалара нах хьалха лелаш хилла. 8 Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дӀасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гӀалина хьанна дагадеана иза? 9 Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цӀеяхана берш кӀезиг хетийтархьама а.
10 Нил-хи санна, паргӀат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна. 11 Шен куьг хӀорда тӀехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаӀан-мехкан гӀепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. 12 Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоӀстаг санна йолу ЦӀадан-гӀала! Хьала а гӀовттий, Хитам-махка гӀо, гӀалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна».
13 Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Ӏаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тӀеман бӀаьвнаш дӀа а хӀиттийна, мехкан гӀепаш йоха а йина, царах харцораш йинера.
14 Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гӀап йохийна.
15 Хан тӀекхочур ю, Цора-гӀала кхузткъе итт шарна – цхьана паччахьан оьмаран ханна – йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гӀалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду:
16 «Хьайн мерз-пондар схьа а эций,
гӀалахула долало, дицделла кхахьпа!
Эшарш дика лакха,
хьо дагаяийта».
17 Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гӀала, таӀзар динчул тӀаьхьа паргӀатйоккхур ю. И гӀала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. 18 Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.
24Дерриге а Лаьттана таӀзар дар
1 Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тӀера бахархой дӀасабаржор бу Цо. 2 Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду. 3 Латта дассийна а, чӀана даьккхина а хир ду, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара дош аьлла.
4 Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гӀеллуш а, маргӀалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гӀеллуш бу. 5 Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хӀунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. 6 Цу бахьанина латта неӀалто дӀакхоллу, ткъа цунна тӀехь Ӏаш болчара шайн къиношна доггӀург дӀакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тӀера бахархой морцуш бу, цхьа кӀезиг бен ца буьтуш. 7 Къона чагӀар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргӀалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хӀинца гӀайгӀане бу. 8 Вотанашца самукъадаккхар а дӀадаьлла, самукъадолучийн гӀовгӀа а сецна, пондарийн аьзнаш а дӀатийна. 9 Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагӀар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду. 10 Яссаелла гӀала йохийна ю, цӀенош саьлнаша дӀакъевлина ду, чуваха аьтто боцуш. 11 ЧагӀар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тӀера дӀаэккхийна. 12 ГӀала яссаелла ю, гӀалин ков а доьхна Ӏуьллуш ду. 13 Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТӀаьххьара стоьмаш зайт-диттан тӀера эгорхьама, дитташ тӀе гӀожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду.
14 Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара. 15 Хаставе Веза Эла малхбалехь, хӀордан йистехь долчу латтанаш тӀехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цӀе. 16 Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!»
Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидӀа Ӏехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу». 17 Ӏадор а, ор а, гур а бу хьуна, лаьтта тӀера вахархо! 18 Ӏадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неӀарш дӀа а йиллина, Ӏовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу. 19 Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чӀогӀа дегош ду. 20 Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тӀехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гӀоттур дац.
21 Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. 22 Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дӀадевлча, таӀзар дийр ду царна. 23 Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.
25Веза Эла хастор
1 Веза Эла! Хьо сан Дела ву.
Аса вазвийр ву Хьо, Хьан цӀе хастайийр ю,
Ахьа тамашийна гӀуллакхаш дина дела.
Тоххара дуьйна Ахьа бина сацамаш,
Ахьа ма-аллара, иштта кхочушбира.
2 Ахьа гӀаланах тӀулгийн оьла йина,
чӀагӀйинчу гӀаланах саьлнаш йина,
хийрачу къоман гӀопах гӀала йоцург йина.
И гӀала цкъа а юхаметтахӀоттийна хир яц.
3 Цундела нуьцкъалчу халкъо Хьо лорур ву,
буьрсачу къаьмнийн гӀала Хьох кхоьрур ю.
4 Мискачунна Хьо волчохь дӀалечкъийла хилла,
холчохь волчу гӀийлачунна Хьо кӀелхьарвала меттиг хилла.
Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла,
йовхо еанчу хенахь Хьо ӀиндагӀ санна хилла,
хӀунда аьлча буьрсачу нехан садеӀар
пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду,
хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду.
5 Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа.
Мархин ӀиндагӀо йовхо дӀаяккхар санна,
буьрсачу нехан баккхийбер дӀадаьккхина Ахьа.
Дала той кечдар
6 Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду. 7 Дерриге а халкъашна тӀетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дӀахьулдина долу кирхьа а дохийна дӀадоккхур ду Цо цу лам тӀехь. 8- 25:8 а: 1 Коринтхошка 15:54; б: Довзийтинарг 7:17; 21:4. Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.
9 Цу дийнахь эр ду: «ХӀара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кӀелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кӀелхьардахарна!»
Муабина таӀзар дар
10- 25:10-12 ЕшаӀ-ЯхӀу 15:1–16:14; Ярми-ЯхӀу 48:1-47; Яхьазкхиал 25:8-11; Ӏамос 2:1-3; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Везачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна. 11 Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна. 12 Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.
26Везачу Элана хастам бар
1 Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю:
«Тхан гӀала чӀогӀа ю.
Гонах долу пенаш санна а,
арахула йолу чӀагӀонаш санна а,
Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло.
2 ДӀаделла кевнаш,
Везачу Элан лаамехь долу,
Далла тешаме долу халкъ чудаийта.
3 Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг
Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву,
хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.
4 Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила,
веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела.
5 Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира,
лакхахь йолу гӀала Цо лахйира.
Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра,
ченала Цо и гӀала йожийтира.
6 ГӀело хьегначийн гӀулчаша а,
мискачу нехан когаша а
хьоьшуш ю и гӀала.
7 Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу,
Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача.
8 Ахь тӀедехкинаршца а лелаш,
Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо.
Хьан цӀе дагахь латто а,
Хьо хьехо а бен тхан лаам бац.
9 Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта,
ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху.
Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча,
дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема.
10 Ӏесачу стагах къинхетам бича,
цунна нийсо Ӏемар яц.
Везачу Элан возалле ца хьожуш,
Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь
зуламаш лелор ду цо.
11- 26:11 Ӏебархошка 10:27. Хьан куьг лаккха хьалаайина ду,
Ӏесачу нахана таӀзар дархьама,
Веза Эла, амма царна иза ца го.
Хьайн халкъе болу кӀорга безам
гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама.
Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро
берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш!
12 Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна.
Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.
13 Тхан Веза Дела! Хьо воцург,
кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш,
амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо.
14 И белла олахой денлур бац,
церан синош гӀовттур дац.
Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина.
Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна.
15 Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла.
Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа,
лаьттан дозанаш шордина.
16 Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура,
Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо.
17 Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан
тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош,
мохь хьоькхуш санна,
дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.
18 Берах долуш санна, бала а хьоьгуш,
оха дуьнен тӀе доккхург,
мох санна, даьсса хӀума ду.
Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха,
дуьненан бахархой а ца эгийтина оха+ 26:18 *Я иштта: *дуьнен тӀе керла нах а ца баьхна.*.
19 ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу,
Хьан халкъан декъий гӀовттур ду!
Ченахь мел Ӏохкуш берш,
гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха!
Ӏуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду,
Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо+ 26:19 *Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо *– Ӏебархойн тептар иштта а кхета мега: *ткъа Ахь лаьтте белларш денбойту.*».
Халкъ юхаметтахӀоттор
20 ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц. 21 ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.
271- 27:1 Аюб 40:20; Забур 73:14; 103:26. Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.
2 Цу дийнахь токхечу кемсийн бешах илли ала: 3 «Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта. 4 Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьӀаш долу коьллаш йогӀахь, Аса, тӀамца царна дуьхьал а ваьлла, цӀе тосур яра царах массарах. 5 Амма цхьаъ, Соьгара гӀо а эшна, Соьца барт бан вагӀахь, бе Соьца барт».
6 ТӀедогӀучу деношкахь Якъубан тӀаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду.
7 Шен халкъана ницкъ бечарна Ша таӀзар ма-дарра, таӀзар дорий те Везачу Эло Исраилна? Иза хӀаллакдеш хилларш хӀаллакбина ма-хиллара, халкъ хӀаллакдорий те Цо? 8 Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна. 9 Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду.
10 ЧӀагӀйина гӀала яссалур ю, цуьнан хӀусамаш дӀатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоӀуш а, гаьннаш тӀера гӀаш дууш а хир ду иза. 11 Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.
12 Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду.
13 Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маӀа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогӀур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тӀехь Везачу Элана хьалха суждана гӀур бу уьш.
28Къилбаседерачу пачхьалкхана дӀахьедар дар
1 Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран+ 28:1 *Эпраймхойн кочар *– иза Шамран-гӀала ю, Исраилан къилбаседерачу пачхьалкхан паччахье йолу.*. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргӀалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогӀин коьрта тӀехь ду, амма тогӀин бахархой чагӀаро бахийна Ӏохкуш бу! 2 Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду. 3 Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. 4 Токхечу тогӀин коьрта тӀехь долу а, маргӀалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза.
5 Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дӀахӀуттур ву Шен халкъах бисначарна. 6 Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гӀалин кевнера мостагӀий дӀалохкучарна доьналла лур ду.
ЕшаӀ-ЯхӀу а, яхӀудхойн бехна пайхамарш а
7 ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. 8 Массо а стоьла тӀехь Ӏеттораш ю, цхьанхьа а цӀена меттиг яц.
9 Цара боху: «Мила Ӏамо гӀерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дӀадаьхначу кегийчу берашний? 10 ХӀунда аьлча „весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“».
11- 28:11, 12 1 Коринтхошка 14:21. Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду. 12 Цаьрга бехира Цо: «ХӀара садаӀа меттиг ю, синтеме меттиг ю хӀара кӀадбеллачарна садаӀа!» Амма царна ладогӀа ца лиира. 13 ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.
Цийонан соне биллина тӀулг
14 Везачу Элан даше ладогӀа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тӀехь олалла деш болу. 15 Аша боху: «Ӏожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, иза тхуна тӀе кхочур дац, хӀунда аьлча оха харцонах тхайн дӀалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». 16- 28:16 Забур 117:22, 23; Римхошка 9:33; 10:11; 1 Кипин 2:6. Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац. 17 Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса».
Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю. 18 Аша Ӏожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, цо шу охьатухур ду. 19 Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХӀора Ӏуьйранна иза шуна тӀелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тӀелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Ӏадийна лаьттар ду. 20 ДӀавуьжу мотт боца хир бу – ког дӀахеца, юргӀа готта хир ду – цу юкъа хьарча. 21- 28:21 а: Дауд 5:20; 1 Шерашкахь 14:11; б: ЮшаӀ 10:10-12. Веза Эла гӀоттур ву, Паруцим-лам тӀехь санна, Иза оьгӀазгӀур ву, ГавӀонан тогӀи чохь санна, Цо Шен шатайпа гӀуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо.
22 Шаьш кхин а чӀогӀа холчу ца хӀиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хӀаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла.
Делан хьекъалалла
23 Дика ладогӀалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле. 24 Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хӀу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тӀехь? 25 ХӀан-хӀа. Латта шардинчул тӀаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хӀуш тосу. МогӀарашкахь цо кӀа дӀадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дӀабоь, ткъа дозанашкахь Ӏов дӀайоь. 26 И къепе Дала Ӏамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана. 27 Ша оччам оруш цунна тӀе беза гӀирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гӀаж а етташ, чкъоьргех дӀакъестайо, ткъа цицашна тӀе хьокха бен ца туху. 28 Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тӀехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац. 29 Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла!
29Ярушалайман кхоллам
1 Везачу Эло боху: «Къа ду Ариалан, шена чохь Дауда меттамотт хӀоттийначу гӀалин! Цхьа шо вукху шаре далийта, цхьана шера чуьра деза денош даздайта. 2 Амма Аса гӀайгӀа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагӀа доккхучу кхерчан юкъ+ 29:2 *СагӀа доккхучу кхерчан юкъ *– Ӏебархойн маттахь иза «Ариал» цӀеран маьӀна ду.* санна хир ю. 3 Хьуна гонах меттаметтанаш дӀахӀиттор ду Аса, тӀеман бӀаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гӀирсаш хьуна дуьхьал ирахӀиттор бу. 4 Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гӀалартан санна, хир ду хьан аз, чена кӀелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.
5 Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагӀий, къизачийн бӀош дӀасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦӀеххьана а, бӀаьрган негӀар тухучу юкъана а 6 массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна. 7 ТӀаккха Ариална дуьхьал тӀом беш долчу къаьмнийн массо бӀош а, цунна а, цуьнан чӀагӀонашна а тӀелеташ болу мостагӀий а, цунна гӀайгӀа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гӀенах а санна, къайлабевр бу. 8 Меца волчунна ша хӀума юуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тӀом бечу массо а къаьмнийн бӀошна».
ДӀахьедаран тидам ца бар
9 Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бӀаьрзе а де, бӀарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагӀаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. 10- 29:10 Римхошка 11:8. Везачу Эло шуна чӀогӀа наб яийтина. Цо дӀакъевлина шун бӀаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дӀахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу). 11 Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду». 12 Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».
13- 29:13 Маттай 15:8, 9; Марк 7:6, 7. Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара халкъ баганца Суна тӀекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Ӏамийна долу парз бен дац. 14- 29:14 1 Коринтхошка 1:19. Цундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».
15 Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гӀертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гӀуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. 16- 29:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 45:9; Римхошка 9:20. Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегӀа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХӀумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хӀуманах кхеташ вац», – эр дуй хӀумано?
17 Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц?
18 Цу дийнахь къорачарна тептар тӀера дешнаш хезар ду, Ӏаьржачу боданах паргӀат а баьккхина, бӀаьрзечеран бӀаьргашна са гур ду. 19 Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах, 20 хӀунда аьлча кхин хир вац къизаниг, кхаьрдаш берш а дӀабевр бу, зуламна тӀехӀиттинарш а хӀаллакбийр бу. 21 Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.
22 ИбрахӀим кӀелхьарваьккхинчу Везачу Эло иштта боху Якъубан тӀаьхьенах лаьцна: «Якъубан тӀаьхье кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц, цуьнан юьхь кхин макхлур яц. 23 ХӀунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тӀаьхьено еза лорур ю Сан цӀе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. 24 ТӀаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугӀуш хила Ӏемар ду».
30Мисар-махкаца бартбар эрна ду
1 «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Ӏалашонаш хӀиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагӀаран сагӀанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тӀе кхиниг а тухуш. 2 Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирӀуне гӀо дехархьама а, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъархьама а. 3 Амма пирӀуно деш долу гӀо эхье хир ду шуна, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. 4 Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоӀан-гӀалина а, Хьанас-гӀалина а тӀекхаччалц белахь а, 5 берриге а яхӀудхой юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гӀо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьӀаьржо а хир ю».
6 ХӀара бу НегӀаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дӀаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дӀабоьлху яхӀудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тӀедехкина, деза совгӀаташ хьо цара цхьана а агӀор шайна дан гӀо доцучу халкъана. 7 Мисар-махко до гӀо цхьана а агӀор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цӀе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла».
Аьрха халкъ
8 Везачу Эло элира: «ХӀинца, ваха а гӀой, экъан тӀехь дӀаязде иза царна, тептар тӀе язде, тӀейогӀучу ханна, гуттаренна а иза дисийта. 9 ХӀунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогӀа ца лууш а ду. 10 Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хӀиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. 11 Бита нийса некъ, дӀадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“».
12 Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гӀелонна а, гамделлачунна а тӀетевжина шу. 13 ХӀара къа шуна хӀаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дӀасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТӀаккха цӀеххьана пен охьабужур бу. 14 И пен, кхийра кхаба санна, кегбина хир бу. Цуьнан кескаш юкъара цхьа а пайден хир яц. Царах цхьанна а чохь пешара цӀе я гӀун чуьра хи дӀахьойла дац».
15 Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кӀелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан. 16 Мелхо а, аша боху: «Говрашкахь девдда дӀагӀур ду тхо». ХӀаъ, шу девдда дӀагӀур ма ду! Аша боху: «Чехкачу говрашкахь тхо девдда дӀагӀур ду». ХӀаъ, амма шуна тӀаьхьабевллачеран говраш кхин а сиха хир ю! 17 Шух эзар водур ву цхьана мостагӀчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хӀумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тӀехь байракх йолу гӀаж санна кӀезиг берш бен. 18 Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хӀунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш.
19 Ярушалаймехь Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гӀо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду. 20 Хьалдолчу Эло шуна, халкъан нах, бепиг санна, гӀайгӀа лур ю, ткъа хи санна, гӀело лур ю. Делахь а, шуна хьехамаш бийриг кхин лечкъина хир вац. Шайн бӀаьргашца иза гур ву шуна. 21 Шун лергашна хезар ду шайна тӀехьа аьлла дешнаш: «ХӀара бу некъ, цу тӀехула гӀо дӀа», нагахь шу, новкъа дӀадоьлхуш, аьтту я аьрру агӀор дӀадерзахь. 22 ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла. 23 Везачу Эло догӀа доуьйтур ду аша лаьтта дӀадийначу хӀуьнна тӀе, тӀаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун. 24 Аренашкахь болх беш долчу шун стерчаша а, варраша а шаданций, белаций, оруш, цӀанбина чоме хӀоъ буур бу. 25 Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бӀаьвнаш йохийна хӀаллакйича, хӀора лекхачу лома а, хӀора боккхачу гунна а тӀера хин татолаш охьахьодур ду. 26 Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхӀазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхӀ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дӀа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь.
Дала Ашур-махкана таӀзар дийр ду
27 Хьажал, Веза Эла геннара схьавогӀуш ву, ткъа Цуьнан оьгӀазалла цӀе санна йогуш ю. Цуьнан хаам чӀогӀа хала а, беза а бу. Цуьнан балдашкахула арадолург дераллех дуьзна ду, ткъа Цуьнан маттаца дуьйцург дӀакхоллуш йолу цӀе санна ду. 28 Цуьнан садеӀар логе кхаччалц хьаладаьллачу дистинчу хих тера ду. Цецаца Цо къаьмнаш дегадо, диканиг вочух дӀакъасторхьама. Халкъийн мочхалшна Цо гаьллаш йохку, церан новкъа тӀера уьш зуламечух дӀадигархьама. 29 Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тӀехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тӀе, исраилхойн Тарха тӀе воьдучу стеган санна.
30 Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а. 31 Везачу Элан аз хезча, ашурхой, кхерабелла, бегош хир бу. ГӀожаца санна, царна таӀзар дийр ду Цо. 32 Везачу Эло царна Шен гӀаж мосазза туху, етташ жиргӀа а, локхуш дечиг-пондар а хир бу. Хьалаайинчу куьйгаца Цо тӀом бийр бу цаьрца. 33 Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.
31Дала Ярушалайм ларйийр ю
1 Къа ду Мисар-махка гӀо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гӀудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бӀо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гӀо а ца доьху цара. 2 Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хӀун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гӀо дечарна а дуьхьал Шен оьгӀазалла йоккхур ю Цо. 3 Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гӀаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дӀахьажийча, гӀо доккхург тасалур ву, ткъа гӀо тӀелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хӀаллакьхир ву.
4 Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тӀехь гӀигӀ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Ӏу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гӀовгӀанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тӀом бархьама Со охьавоьссича. 5 Олхазарш, шайн кӀорнеш ларъярхьама, бенашна тӀехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гӀала ларйийр ю. Цо и гӀала, дӀа а къевлина, кӀелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргӀатйоккхур ю Цо».
6 Исраилхой, шаьш сел чӀогӀа дуьхьалдевллачу Далла тӀе юхадерза! 7 Цу дийнахь шух хӀораммо а шен къа латийначу куьйгашца бина дато а, дашо а цӀуш дӀакхуьссур бу. 8 «Адаман доцучу туьро дужуьйтур ду Ашуран къам, стеган доцучу туьро дӀакхоллур бу ашурхой. Туьрана хьалхара дӀабовдур бу уьш, церан кегийчу нахах лай хир бу. 9 Уьш чӀогӀа тӀетевжинарг къематехь меттахдер ду, ткъа церан тӀеман хьаькамаш мостагӀийн байракхах кхоьрур бу», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе Цийон-лома тӀехь йогуш ю, цӀеран кхерч Ярушалаймехь бу.
32Нийсонца урхалла деш волу паччахь
1 Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш. 2 Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду. 3 Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду. 4 Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду. 5 Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац. 6 ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту. 7 Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь. 8 Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.
Ярушалаймера зударий
9 ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка. 10 Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц. 11 Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка. 12 Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех. 13 ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а. 14 ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду, 15 лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю. 16 Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь. 17 Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. 18 ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а. 19 Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю. 20 Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.
33ГӀо доьхуш долу доӀа
1 Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.
2 Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хӀора дийнахь, кӀелхьар а дахахьа, хала хан тӀееача. 3 ЧӀогӀа гӀовгӀа хезча, халкъаш дӀадовдур ду. Хьо хьалагӀаьттича, къаьмнаш дӀасадаьржар ду. 4 Аша дӀаяьккхина хӀонс, цӀазо дӀакхаьллича санна, дӀалахьор ю, цӀазийн жӀуга тӀелетча санна, шун хьолана тӀелетар бу.
5 Ма сийлахь ву лакхахь Ӏаш волу Веза Эла! Нийсо ярх а, бакъдерг лелорах а хьалаюзур ю Цо Цийон. 6 Веза Эла халкъан заманашкахь чӀогӀалла хир ю. Цо алссам кӀелхьардахар лур ду, хьекъалалла а, вовзар а луш. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзна хилар – иза халкъан хазна хир ю.
7 Хьовсал, церан майра къонахий урамашкахь, гӀо доьхуш, маьхьарий хьоькхуш бу, ткъа машарна арабевлла векалш къаьхьа боьлхуш бу. 8 Некъаш а дассаделла, дӀасалелаш некъахой а бац. Барт а бохийна, цуьнан тешаш а емалбина бу+ 33:8 *Цхьана ширачу тептар тӀехь: *цуьнан тешаш а емалбина бу. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *гӀаланаш емалйина ю.*, цхьа а вац лоруш. 9 Латта гӀайгӀа а еш, гӀел а луш Ӏуьллу. Ливанунан хьаннаш тӀе эхь деана а, маргӀалйоьлла а ю. Шарон-тогӀи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тӀера гӀаш охьа а эгна.
Везачу Эло Шен мостагӀашна дӀахьедар дар
10 «ХӀинца Со гӀоттур ву, – боху Везачу Эло. – ХӀинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас. 11 Аш хӀиттош йолу Ӏалашонаш эрна ю, хӀора аш деш долу гӀуллакх пайденна дац. Шун садеӀар шу дӀакхоллу йолу цӀе ю. 12 Кхехкаш болу кир санна, халкъаш дохийна хир ду, хедийна коканан коьллаш санна, цӀерга кхуьссур ду уьш. 13 Аша, генарчара, ладогӀа Ас динчуьнга, ткъа шуна, уллорачарна, бовза Сан ницкъ!»
14 Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?» 15 Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хӀума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дӀакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бӀаьргаш дӀакъовлуш верг а ву – 16 иштта волу стаг лакхенашкахь Ӏаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гӀап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.
Сийлахь хиндерг
17 Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду. 18 Хьуна дагахь лаьттар ду хьалха хилла Ӏазапаш: «Мичахь ву адамаш дӀаяздеш лелларг? Мичахь ву ял йоккхуш верг? Мичахь ву бӀаьвнаш лоруш верг?» 19 Хьуна кхин гур дац Ӏаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ. 20 Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац. 21 Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига. 22 ХӀунда аьлча Веза Эла вайн кхелахо ву, Веза Эла вайн Ӏедал кхоллархо ву, Веза Эла вайн паччахь ву. Цо кӀелхьардохур ду вай. 23 МостагӀчун машшаш лагӀделла, цаьрга мачтанаш а ца латтало, четарш а ца лелало. ТӀаккха йоккха хӀонс екъар хир ду, ур-атталла астагӀчара а схьаяьхна хӀуманаш дӀаяхьар ю. 24 Цийонехь Ӏаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду.
34Дала Шен мостагӀашна таӀзар дийр ду
1 ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла! 2 Веза Эла массо а халкъана оьгӀазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хӀаллакбан билгалбехира, уьш байа дӀабелира. 3 Церан байинарш дӀасакхиссина хир бу, церан декъашна тӀера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цӀийно. 4- 34:4 Маттай 24:29; Марк 13:25; Лака 21:26; Довзийтинарг 6:13, 14. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тӀера чудужу гӀа санна а, инжиран дитта тӀера маргӀалдоьлла гӀа санна а, чудужур ду.
5- 34:5-17 ЕшаӀ-ЯхӀу 63:1-6; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 25:12-14; 35:1-15; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза». 6 Везачу Элан тур цӀийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Ӏахарийн а, бежалойн а цӀийх дузур ду, уьстагӀийн жаннаш тӀерачу махьарх а дазлур ду иза. ХӀунда аьлча Бацар-гӀалахь сагӀа даккхар а, Эдоман лаьтта тӀехь, доккха цӀий Ӏанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. 7 Цаьрца цхьаьна бугӀанаш а, старгӀанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цӀий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. 8 Везачу Эло бекхам баран де а, мостагӀех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гӀуллакх лардийр ду Цо.
9 Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дӀахӀуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. 10- 34:10 Довзийтинарг 14:11; 19:3. Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа. 11 Куьйранаша а, зуьнаша а дӀалоцур ду и латта, ткъа бухӀанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. 12 Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тӀехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дӀабевр бу. 13 КӀохцалш долу коьллаш дезачу цӀеношкахь кхуьур ю, баьӀаша а, нитташа а гӀепаш къайлайохур ю. ЧангӀалкхаш а, бухӀанаш а Ӏийр ю цигахь. 14 Яьссачу аренан акхарой акхачу жӀаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Ӏоьхуш. Буьйсанан гӀаларташ хир ду цигахь садоӀуш а, шайна синтем лоьхуш а. 15 БухӀано, бен а бина, тевна хиъна, хӀоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кӀорнеш шен тӀемийн ӀиндагӀехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье.
16 Везачу Элан тептар тӀехь схьа а лахий, дӀадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хӀунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна. 17 Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь цунна тӀехь Ӏийр ду уьш.
35Деза долчун некъ
1 Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла,
эрна аре самукъадаьлла хуьлийла,
акха зезаг санна цо заза доккхийла.
2 ЧӀогӀа заза доккхуш хуьлийла и аре,
йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла.
Ливанунан сийлалла цунна дӀалур ду,
Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю.
Везачу Элан сийлалла гуш хир ю,
вайн Делан исбаьхьалла гур ю.
3- 35:3 Ӏебархошка 12:12. Андде шайн кӀадделла куьйгаш,
чӀагӀъе шайн егош йолу голаш.
4 Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дӀаала:
«Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера!
Дела схьавогӀур ву, шун мостагӀашна бекхам бархьама.
Царна доггӀург а делла, шу кӀелхьардаха Иза вогӀур ву».
5- 35:5, 6 Маттай 11:5; Лака 7:22. ТӀаккха бӀаьрзечийн бӀаьргаш са гуш хир бу,
ткъа къорачийн лергаш дӀадоьллур ду.
6 АстагӀниг, сай санна, кхоссалур ву,
мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу.
Хиш яьссачу арахула дӀахецалур ду,
хин Ӏовраш эрначу арахула оьхур ю.
7 Йовхачу гӀамарх хин Ӏам хир бу,
декъа латта хьостанаша дузор ду.
ЧангӀалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь
шач а, эрз а хьалабер бу.
8 Коьрта некъ а хир бу цигахь,
цунах «Деза долчун некъ» эр ду.
Хьарам берш цу новкъахула гӀур бац,
сонта берш цунна тӀехь кхерстар бац.
Делан новкъахула леларш бен,
уьш бен цу новкъахула лелар бац.
9 Цхьа а лом хир дац цигахь,
дера акхаро а ер яц цу тӀе.
Уьш цигахь карор яц.
Дала, мах а белла, паргӀатбаьхнарш
гӀур бу цу новкъахула.
10 Везачу Эло кӀелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу,
хазахетарца кхойкхуш Цийон-гӀалина чу гӀур бу.
Гуттаренна а долу ирс церан кортош тӀехь хир ду.
Самукъадалар а, хазахетар а царна тӀаьхьакхуьур ду,
сингаттам а, узарш а царах дӀакъаьстар ду.
36Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу
(ТӀаьххьарнаш 18:13-27; 2 Шерашкахь 32:1-19)
1 Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 2 Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тӀемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам. 3 Паччахьан цӀийнан хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, цунна тӀевеара. 4 Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга:
„Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду? 5 Ахь боху хьайн говзалла а, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 6- 36:6 Яхьазкхиал 29:6, 7. Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.
7 Я аша олу те: ‹Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо›? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‹Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де›. 8 Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 9 Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш а, дошлой а бахкийтарх тешна хьо Ӏаш велахь? 10 Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‹Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе›’“».
11 Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».
12 ТӀаккха цу хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юуш, шайн хьатӀ муьйлур долчу кху адамашка а дӀаала веана со».
13 ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш, ашурхойн сийлахьчу паччахьан даше! 14 ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац. 15 ‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта. 16 Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен доларчу гӀу чуьра хи а молийла, 17 аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц’. 18 Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду’, – бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний? 19 Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гӀалин деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 20 Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“»
21 Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. 22 ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.
37Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга шена хьехар дар доьху
(ТӀаьххьарнаш 19:1-7)
1 Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу. 2 Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо. 3 Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. 4 Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».
5 Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича, 6 ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. 7 Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».
Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту
(ТӀаьххьарнаш 19:8, 9; ТӀаьххьарнаш 19:8-19)
8 Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра. 9 ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе, 10 цуьнга дӀаала: «Хьан дегайовхо шех йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга аьлча: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“. 11 Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа? 12 Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара? 13 Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»
14 Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15 Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: 16- 37:16 Арадаккхар 25:22. «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Дела волу массо а ницкъийн Веза Эла! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 17 Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга. 18 Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и къаьмнаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 19 церан цӀу-деланаш цӀерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 20 ХӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгах, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».
ЕшаӀ-ЯхӀугахула Дала делла жоп
(ТӀаьххьарнаш 19:20-37)
21 Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Исраилан Везачу Дала боху: „Ахь Соьга ашурхойн паччахьах Санхьарибах лаьцна доӀа дарна, 22 хӀара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош:
‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг,
Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.
23 Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а?
Хьанна дуьхьал аз айдина ахь,
Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина?
Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо!
24 Веза Эла емал а веш,
хьайн геланчашкахула ахьа бохура:
‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца
ломан лакхенашка хьалаваьлла со,
Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе.
Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а,
тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса.
Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а,
къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со.
25 Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш,
царна чуьра хи мийлина аса.
Сайн когийн айрашца Мисар-махкара
дерриг а хиш лакъийна аса›.
26 Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар
хьуна ца хезна те?
Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина,
хӀинца иза Аса кхочушдина,
чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш,
царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
27 Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла,
кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана.
Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш.
Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш,
кхиале берриг а марца а мерцина,
малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.
28 Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а,
араваьлча а, чуваьлча а.
Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.
29 Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а,
хьан цавашар Сан лере кхачарна а,
хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю,
хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса.
Схьавеанчу новкъахула
хьо юха а верзор ву Аса’“.
30 ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа. 31 ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. 32 ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан кӀоргачу безамо кхочушдийр ду.
33 Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. 34 Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – 35 Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».
36 ТӀаккха хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира. 37 Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира. 38 Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.
38Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а
(Сулим 20:1-11; 2 Шерашкахь 32:24-26; ТӀаьххьарнаш 20:1-11)
1 Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
2 Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3 «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.
4 Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга: 5 «Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю. 6 Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.
7 Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна. 8 „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.
9 ХӀара ду яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус, цамгарх ша товелча, дӀаяздинарг:
10 «Ас аьллера сайга: „Сайн дахаран тоьллачу хенахь
Ӏожаллин кевнах чекхвала везаш ву со.
Дахаран дисинчу шерех дӀахаьдда ву со“.
11 Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тӀехь
кхин гур вац суна Веза Эла.
Дахар дӀахедош долчу дуьнен тӀехь
кхин цкъа а адам гур дац суна.
12 Сан дахар сох дӀадоккхуш ду,
дӀадоккхуш долу жаӀуйн четар санна.
КӀадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас.
КӀади дечу чарха тӀера дӀахададо кӀади санна,
Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана,
Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхачале.
13 Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со,
лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш.
Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана,
Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.
14 ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз.
Кхокхано санна, сагатдора ас.
Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура.
Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“
15 ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира,
Цо иза дан а дира.
Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со,
сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.
16 Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах,
сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду.
Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.
17 Сайн боккхачу баланах суна дика болх хили.
Хьайн безамца Ахь эрналлин Ӏинах ларви со.
Сан къинош Хьайна тӀехьа тийси Ахь.
18 ХӀунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо,
Ӏожалло Хьуна хастам ца бо.
Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц
Хьо царна тешаме хиларх.
19 Дийна волчо бен Хьо хастор вац,
ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра.
Дайша шайн берашна дуьйцур ду
Хьан тешаме хиларх лаьцна.
20 Везачу Эло со кӀелхьарвоккхур ву.
Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо.
Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цӀа долчохь Иза хастор ву оха».
21 ЕшаӀ-ЯхӀус аьллера: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эций, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейилла, тӀаккха паччахь товийр ву». 22 Ткъа Хьузакх-ЯхӀус хаьттинера: «ХӀун билгало хир ю, со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аьлла?»
39Бавел-махкара болу геланчаш
(Сулим 20:12-19; ТӀаьххьарнаш 20:12-19)
1 Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела. 2 Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа+ 39:2 *ЧӀоь-цӀа *– иза тӀаьхьалонна йолу хӀума дӀаюьллуш долу цӀа ду.* чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира. 3 Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»
Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла.
4 «Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус.
«Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.
5 ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху: 6 „Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – 7- 39:7 Даниал 1:1-7; ТӀаьххьарнаш 24:10-16; 2 Шерашкахь 36:10. Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“».
8 Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.
40Дегайовхонан дешнаш
1 «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, –
боху шун Дала. –
2 ДӀаала Ярушалайме эсала,
дӀахаийта цуьнан халкъе,
бала хьегна шераш чекхдевлла хилар,
цуьнан къинойх мах дӀабелла хилар.
Везачу Элан куьйгах шалха таӀзар
тӀеэцна цо дерриг а шен къинойх».
3- 40:3 Маттай 3:3; Марк 1:3; Яхьъя 1:23. - 40:3-5 Лака 3:4-6. Кхойкхучун аз хезаш ду:
«Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе!
Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!
4 ХӀора тогӀи хьалайоккхур ю,
хӀора лам а, гу а лахабоккхур бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
5 Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю,
ткъа дерриге а адамашна иза гур ю,
хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».
6- 40:6-8 Якъуба 1:10, 11; 1 Кипин 1:24, 25. Озо боху: «ДӀакхайкхаде!»
Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?»
«Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду,
цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.
7 Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
Везачу Эло царна тӀе мох тоьхча.
Баккъалла, буц санна, адамаш а ду.
8 Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».
9 Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон,
лекхачу лам тӀе хьалаяла!
Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм,
хьайн аз айдеш, дӀаала чӀоггӀа!
ДӀаала, ма кхера!
ЯхӀуд-мехкан гӀаланашка дӀаала:
«Хьажал, шун Дела схьавогӀуш ву!»
10- 40:10 ЕшаӀ-ЯхӀу 62:11; Довзийтинарг 22:12. Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву,
Цуьнан куьг ду урхалла деш.
Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду,
Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.
11- 40:11 Яхьазкхиал 34:15; Яхьъя 10:11. Цо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна.
Ӏахарий караоьцур ду Цо,
уьш Шен дага уллохь лелор ду.
Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.
Исраилан башха Дела
12 Канашкахь хи хьан дуьстина,
я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина?
Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна,
я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?
13- 40:13 Римхошка 11:34; 1 Коринтхошка 2:16. Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна?
Цуьнан хьехамча санна хьан Ӏамийна Иза?
14 Хьанах дагаваьлла Веза Эла?
Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а?
Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?
15 Везачу Элана халкъаш хӀумма а йоцург ю,
хин тӀадамал бен дац уьш Цунна.
Терзанна тӀера ченан буьртиг санна ду уьш.
ГӀайренаш, хӀур санна, хьалаойу Цо.
16 Ливанунан хьаннаш тоьуш яц,
Цунна догӀуш долу сагӀанаш цӀера тӀехь даккхархьама.
Цигара долу бежанаш а тоьуш дац
Цунна догӀуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина.
17 Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц.
Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.
18- 40:18, 19 Векалийн 17:29. Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела?
Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?
19 ЦӀунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту,
ткъа дашо пхьеро цунна тӀе деши а дуьллу,
дато зӀенашца иза кеч а во.
20 Иштта совгӀат дан къен волчо
ца телхаш долу дитт хоржу.
Цо, говза пхьар а лохий,
цуьнга охьа ца вужу волу цӀу войту.
21 Шуна ца хаьара?
Шуна ца хезнера?
Юьххьенца дуьйна аьлла дацара шуьга?
Латта кхоьллинчхьана дуьйна ца кхеттера шу?
22 Лаьттан гон тӀехула йолчу Ӏарш тӀехь Ӏаш ву Иза,
адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха.
Цо стигал дӀасаяржийна, дуткъа кӀади санна,
чохь Ӏан дина четар санна, дӀахӀоттийна иза.
23 Цо баьччанех хӀумма а йоцург йо,
кху лаьттан куьйгалхой тӀепаза бойу.
24 Уьш дӀа ма-дийггӀи,
уьш дӀа ма-дий,
цара орамаш ма-хийцци,
Везачу Эло царна тӀе Ӏаь туху,
уьш маргӀал а дулу,
ткъа мохо уьш, ча санна, дӀахьо.
25 «Со хьаьнца вустур ву аш?
Мила ву Соьга кхочуш?» –
боху Везачу Дала.
26 Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал!
Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий?
Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина.
Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа.
Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна,
царах цхьа а вовш вац.
27 Ахь хӀунда боху, Якъуб,
арз хӀунда до, Исраил:
«Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу,
сан гӀуллакх Далла дицделла», – бохуш?
28 Хьуна ца хаьа?
Хьуна ца хезна?
Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву.
Цо лаьттан йистош кхоьллина.
Иза цкъа а кӀад а ца ло, хӀотта а ца хӀутту.
Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.
29 Цо кӀадвеллачунна ницкъ а ло,
хӀоьттинчунна гӀора а ло.
30 Ур-атталла кегий нах кӀад а ло, хӀотта а хӀутту,
ур-атталла къонанаш, гӀел а белла, охьаэга.
31 Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара
шайн ницкъ карлабоккху.
Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна,
уьш лакхахь оьхуш хир бу.
Бевдча а, уьш хӀуттур бац,
новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.
41Дала исраилхой иракарахӀиттор
1 «Тийна ладогӀа Соьга, хӀордан йистера къаьмнаш!
Халкъаша шайн ницкъаш карлабохийла!
Улло а даьхкина, дистхуьлийла уьш.
ГӀуллакх къасто, цхьаьнатохийла вай.
2 Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина,
иза дӀавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш?
Цо халкъаш цуьнан кара дӀало,
паччахьаш цунна муьтӀахь бойту.
Цуьнан туьро царах чан йо,
цуьнан Ӏедо уьш дӀасакхуьссу,
мохо ча дӀаса ма-кхоссара.
3 Цо лаьхкина буьгу уьш, иза паргӀат дӀавоьду
ша хьалха цкъа а ца ваханчу новкъахула.
4 Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза?
Хинйолу тӀаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина?
Со, Веза Эла, хьалхарниг ву,
тӀаьххьарчаьрца а Со изза хир ву.
5 ХӀордан йистера къаьмнаш,
иза а гина, кхераделла ду.
Лаьттан йистера халкъаш дегош ду.
Уьш схьа а догӀу, схьа а кхочу.
6 ХӀораммо а шен накъостана гӀо до,
шен веше а олу: „ЧӀагӀлолахь!“
7 Пхьеро дашо пхьар иракарахӀиттаво.
ЖӀаьвнаца болх бечо иракарахӀиттаво
нуьйжина тӀехь тухуш верг.
Латийначух боху: „Дика болх бина!“
Цо хьостамашца цӀу чӀагӀво, иза охьа ца вожийта.
8- 41:8 2 Шерашкахь 20:7; Якъуба 2:23. Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ,
Ас хаьржина йолу Якъубан тӀаьхье,
Сан доттагӀчун ИбрахӀимах схьадаьлларг, –
9 Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо,
генарчу маьӀигашкара Ас схьакхайкхина хьо.
Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“.
Ас хаьржина хьо, Ас хьо дӀа ца тесна.
10 Кхера ма кхера – Со хьоьца ву.
Воха ма воха – Со хьан Дела ву.
Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду.
Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву
нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
11 Хьуна оьгӀазбаханарш
юьхьӀаьржачу хӀиттина а,
тӀе эхь деана а хир бу.
Хьуна дуьхьалбевлларш,
хӀумма йоцург а хилла, хӀаллакьхир бу.
12 Ахь хьайн мостагӀий лехахь а, хьуна уьш карор бац.
Хьуна дуьхьал тӀом беш берш, хӀумма а йоцург хилла, дӀабевр бу.
13 ХӀунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела.
Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга:
„Ма кхера, Ас хьуна гӀо дийр ду“.
14 Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ,
Ас гӀо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло,
хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. –
15 Ас хьох ира ялта орург йийр ю.
Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю.
Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дӀадохур ду,
ткъа гунех кегаш йийр ю.
16 Ахь ирхдугӀур ду уьш,
амма мохо дӀасахьур ду уьш.
Ткъа чӀогӀачу мохо,
довдийна, къайладохур ду уьш.
Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду,
Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду.
17 Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац.
Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина.
Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна.
Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш.
18 Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас,
тогӀешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду.
Яьссачу аренах хин Ӏам бийр бу Ас,
декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду.
19 Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а,
турс а, акха зайт а дитташ дугӀур ду.
Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а,
баганан дитт а дугӀур ду цхьаьний.
20 Халкъана гайта а, хаийта а,
иза хьажийта а, кхетийта а,
Везачу Элан куьйго иза динийла,
Исраилан Везачу Дала иза кхоьллинийла».
Шайн говзалла гайтархьама харцделанашна тӀекхайкхар
21 «Къастадайта шайн гӀуллакх», – боху Везачу Эло.
«Шайн тоьшаллаш даладе, – боху Якъубан Паччахьо. –
22 Шайн цӀушка тоьшаллаш даладайта,
цаьрга хиндерг дийцийта тхуна.
Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга,
цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а,
иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а.
Я хиндолу хӀуманаш схьакхайкхадайта тхуна.
23 Ала тхоьга, хӀун хир ду йогӀучу хенахь,
тӀаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла.
Диканиг я вониг цхьаъ де,
тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а.
24 Амма шу хӀумма а йоцурш ю,
шун гӀуллакхаш а ду пайда боцуш.
Шу хоржуш верг а дегаза ву.
25 Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тӀегӀуртуш ву.
Малхбалехь а волуш, Сан цӀе къобалйо цо.
Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна,
кхийра пхьегӀа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.
26 Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна,
вайна иза хаийтархьама?
И хӀума хилале хьан дийцина цунах лаьцна,
вайга: „Иза бакъ ву“ – алийтархьама?
Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла,
цхьанна а ца хезна шуьгара дош.
27 Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХӀорш бу хьуна уьш!“
Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас.
28 Со хьаьжира, амма цхьа а вацара,
хьехар дала царна юкъахь цхьа а вацара.
Ас хаьттинчунна жоп дала цхьа а вацара.
29 Хьажал, уьш хӀумма а яц!
Церан гӀуллакхаш а пайда боцуш ду.
Мох а, яьссалла а ю церан цӀуш».
42Везачу Элан ялхо
1- 42:1 Маттай 3:17; 17:5; Марк 1:11; Лака 3:22; 9:35. - 42:1-4 Маттай 12:18-21. «ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу.
Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со.
Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе,
Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.
2 Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац.
Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо.
3 Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо,
дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц.
Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю.
4 Иза гӀел а лур вац, дог эшна а хир вац,
лаьтта тӀехь Ша нийсо дӀахӀоттаяллалц.
ХӀордан йистера дехаш долу къаьмнаш
Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду».
5- 42:5 Векалийн 17:24, 25. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а,
латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а,
цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
6- 42:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 49:6; Лака 2:32; Векалийн 13:47; 26:23. «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тӀекхайкхина хьо.
Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Ӏалаш а вийр ву.
Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а,
кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,
7 Хьоьга бӀаьрзечарна са гайтийтархьама а,
тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а,
боданехь Ӏаш берш серлонга бахийтархьама а.
8 Со Веза Эла ву, иза ю Сан цӀе.
Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас.
Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.
9 Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла.
ХӀинца керланиг кхайкхор ду Ас.
Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна».
Хастаман йиш
10 Везачу Элана керла эшар лакха.
Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара!
Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш,
хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ,
хӀордан йистера мехкаш а,
царна тӀехь Ӏаш берш а.
11 Яьссачу арено а, цунна тӀера гӀаланаша а шайн аьзнаш ойийла!
Къедархой Ӏаш йолу меттигаш самукъадаьлла хуьлийла!
СилаӀ-гӀалара бахархой, хазахеташ, эшарш лоькхуш хуьлийла!
лаьмнийн баххьаш тӀера кхайкхамаш бойла!
12 Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла,
Цунна хастам бойла хӀордан йистерчу мехкашкахь.
13 Веза Эла аравер ву, майра стаг санна.
ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо.
Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду.
Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.
Дала Шен халкъана гӀо дийр ду
14 «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Ӏийра Со,
садетташ а, собаре хилла а Ӏийра.
Амма хӀинца, бер дечу зудчо санна,
Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.
15 Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду,
царна тӀера буц а якъор ю.
Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас,
Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.
16 БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас,
царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан.
Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас,
ситтина некъаш нис а дийр ду.
Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг.
Уьш дӀатосур бац Ас.
17 Амма цӀунех тешна Ӏаш берш,
цӀушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш,
юхабоьрзур бу, доккха эхь тӀе а деана».
Исраилан халкъ бӀаьрзе а, къора а хилар
18 Везачу Эло боху: «ЛадогӀа, къоранаш,
хьовса, бӀаьрзенаш, са гархьама!
19 Мила ву, Сан ялхо санна, бӀаьрзе,
Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора?
Мила ву бӀаьрзе, Ас барт бинарг санна верг?
Везачу Элан ялхо санна, бӀаьрзе верг мила ву?
20 Хьуна дуккха а хӀума гина,
амма ахь церан тидам ца бина.
Хьан лергаш схьадиллина дара,
амма хьуна хӀумма а ца хезна».
21 Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира,
товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
22 Амма хӀара халкъ талор дина ду,
нахана тӀера хӀонс схьаяьккхина ду.
Уьш массо а Ӏаннашкахь латтош бу,
я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу.
Царах хӀонс хилла, цхьа а вац уьш кӀелхьарбаха.
Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха».
23 Цу хӀумане хьан ладугӀур ду шух,
я тӀейогӀучу заманахь цунна тӀе тидам шух хьан бийр бу?
24 Хьан дӀаелла Якъубан тӀаьхье, хӀонс санна?
Хьан дӀаделла Исраилан халкъ талорхойн кара?
Вай Цунна дуьхьал къинош летийначу
Везачу Эло ца дина иза?
Ца лиира царна Цуьнан некъашкахула лела,
Цуьнан хьехамашка ла а ца дуьйгӀира.
25 Цо царна тӀеюттура
Шен оьгӀазалла а, тӀеман къизалла а.
Цуьнан оьгӀазалло, цӀеро санна, го лецира церан,
амма уьш ца кхийтира хиллачух.
Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра,
амма шайн дегнаш тӀе ца ийцира цара иза.
43Везачу Эло Шен халкъ кӀелхьардоккхур ду
1 Якъубан тӀаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло хӀинца иштта боху:
«Ма кхера – Ас мах баларца паргӀатдаьккхина халкъ ду хьо.
Хьан цӀе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду.
2 Хьо хийх дехьадолучу хенахь,
Со хьоьца хир ву.
Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь,
хиша хьо дӀакхоьхьур дац.
ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац,
цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.
3 ХӀунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела,
Исраилан Веза Дела, хьан КӀелхьардоккхург ву.
Ас Мисаран къам дӀало хьан паргӀатонах.
Хуша а, Себа а дӀало хьох.
4 Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна,
Хьо Сайна дезарна,
хьох нах дӀалур бу Ас,
хьан синах халкъаш дӀалур ду.
5 Ма кхера – Со хьоьца ву!
Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас,
малхбузера шу схьагулдийр ду.
6 Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“,
къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“
Юхаберзабе Сан кӀентий генарчу меттигашкара,
Сан зудабераш – дуьненан массо а маьӀӀера.
7 Юхаверзаве хӀорра а Сан цӀарца воьзнарг,
Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а,
Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а».
Исраилан халкъ Везачу Элан теш ду
8 «Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а,
шен лергаш доллушехь, къора долу а
и халкъ арадаккха, – боху Везачу Эло. –
9 Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду,
дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду.
Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна?
Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина?
Шайн тешаш балабайта цаьрга,
уьш бакъхилар гайта а,
церан дешнаш дӀахезча,
кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а.
10 Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. –
Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ,
шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а,
Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а.
Сол хьалха цхьа а дела ца хилла,
Сол тӀаьхьа а хир вац.
11 Со цхьаъ бен Веза Эла вац,
Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.
12 Хиндерг дӀа а аьлла, Ас шу кӀелхьардехира,
хьалхе дуьйна иза дӀахаийтира Ас.
Со-м шуна юкъахь хийраниг вац! – боху Везачу Эло, –
Шу Сан тешаш ду Со Дела хиларх.
13 Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву.
Сан куьйгах цхьаммо а кӀелхьарвоккхур вац.
Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»
Бавел-гӀалара довдар
14 Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргӀатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху:
«Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду.
Берриге а хашадхой, бевдда нах санна,
церан дозалла хиллачу кеманашкахь
хинехула дӀабуьгур бу Аса.
15 Со ву Веза Эла, шун Веза Дела,
Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь».
16 Иштта боху хӀорда юккъехула некъ биллина волчу,
нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло.
17 ГӀудалкхаш а, говраш а йолуш долу
онда эскар арадаккхийтира Цо, иза хӀаллакьхилийтархьама.
Уьш массо а ийгира, кхин цкъа а хьала а ца гӀевттира.
Къуьданаш санна, дӀабайра уьш.
18 Везачу Эло боху:
«Хьалха хилла хӀуманаш дага а ма леца,
дӀадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е.
19 Хьовсал, Со керланиг деш ву!
Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза?
Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду,
эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.
20 Акхароша Сан сий до,
чангӀалкхаша а, бухӀанаша а Со хаставо,
хӀунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо,
эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу,
Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.
21 И халкъ Ас Сайна кхоьллина,
цо Сан сий кхайкхор ду».
Исраилан халкъо къа латор
22 Везачу Эло боху:
«Хьо Соьга гӀо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тӀаьхье,
Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ.
23 Аша дийнаташ дагоран сагӀа даккха уьстагӀий а ца кхехьна Суна,
сагӀанаш дахарца Сан ларам а ца бина.
Ас шуна кӀен сагӀа даккхар тӀе ца дожийна,
хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ца кхехьийтина.
24 Аш Суна ахчанах хаза хьожа йогӀу эрз а ца эцна,
я шайн сагӀанийн дийнатийн мохь ягорца там а ца бина.
Мелхо а, къинош леторца аша хало йина Суна,
шайн харцонашца Со гӀелвина.
25 Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг.
Ас иза Сайн дуьхьа до.
Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.
26 Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай.
Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе.
27 Хьан хьалхарчу дас къа латийна,
хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла.
28 Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цӀийнан куьйгалхой.
Аса дӀаелла Якъубан тӀаьхье, иза хӀаллакьяйтархьама,
Аса дӀаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама».
44Исраилан халкъ декъалдар
1 Везачу Эло боху:
«ЛадогӀа Соьга хӀинца, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,
Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогӀа Соьга.
2 Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна
хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху,
ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду:
„Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье,
ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ+ 44:2 *Сан хьоме халкъ *– Ӏебархойн тептар тӀехь ма-дарра аьлча «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» маьӀна долуш ду.*.
3 Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана,
татолаш хоьцур ду екъачу аренашка.
Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду,
Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.
4 Бай тӀера буц санна, кхуьур бу уьш,
хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.
5 Цхьаммо ша Везачу Элан ву эр ду,
вукхо ша Якъубан лорур ву.
Шен куьйга ша Везачу Элан ву аьлла дӀа а яздина,
кхоалгӀачо ша Делан Исраилан халкъан лорур ву“».
ЦӀушна Ӏибадат дийраш юьхьӀаьржачу хӀиттор
6- 44:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 48:12; Довзийтинарг 1:17; 2:8; 22:13. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а,
и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло:
«Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву,
Со воцург, кхин Дела вац.
7 Ас шира халкъ дӀанисдинчу заманахь дуьйна хилларг
Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а,
дӀадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара?
Хиндолчу гӀуллакхех лаьцна аьлча,
хиндерг дийцийта цуьнга!
8 Кхера а ма кхера, доха а ма доха.
Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц,
дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна.
Ткъа шу Сан тешаш а ду.
Со воцург, кхин Дела вуй?
ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц.
Суна ца евза цхьа а».
9 ЦӀуш беш берш – берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. 10 Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах? 11 Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу.
12 Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло.
13 Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама. 14 Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту. 15 Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до. 16 Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало». 17 Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву».
18 Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. 19 Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?» 20 Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»
Кхоьллинарг а, КӀелхьардоккхург а волу Веза Эла
21 Везачу Эло боху:
«Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье,
ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна.
Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду.
Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.
22 Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна,
Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина.
Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча
Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».
23 Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш,
хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза!
Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша,
лаьттан бухахь йолу меттигаш!
Хазахетарца декийша, лаьмнаш,
хьаннаш, церан дерриг а дитташ!
Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю,
Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.
24 Хьан ПаргӀатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху:
«Дерриг а хӀума кхоьллина волу Веза Эла ву Со.
Ас-Айса дӀасаяржийна стигалш,
Сайн ницкъаца латта а дӀадаржийна.
25- 44:25 1 Коринтхошка 1:20. Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас,
пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху.
Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо,
церан хьекъалх сонталла а йо.
26 Сайн ялхойн дешнаш дӀачӀагӀдо Ас,
Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до.
Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“,
ткъа ЯхӀудан гӀаланашка: „Уьш юха а дӀахӀиттийна хир ю,
церан къапалгаш Аса юхаметтахӀиттор ю“.
27 КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало!
Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.
28- 44:28 2 Шерашкахь 36:23; Ӏезар 1:2. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Ӏу ву.
Цо Сан лаам кхочушбийр бу.
Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахӀоттае и гӀала!’
Делан цӀийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дӀахӀоттабе!’“»
45Везачу Эло Къуреш къобалво
1 Паччахь хила Ша къобалвинчу а,
цуьнга халкъаш карадерзадайта а,
паччахьашна тӀера гӀаьгӀнаш схьадахийта а,
хьалха неӀарш схьаеллаялийта а,
кевнаш дӀа ца къовладалийта а
цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а
Къуреше иштта боху Везачу Эло:
2 «Со хьуна хьалхаваьлла дӀагӀур ву,
лаьмнаш дӀа а шардеш.
ЦӀестан кевнаш кегдийр ду Ас,
аьчка гӀораш отур ду.
3 Боданехь Ӏалашъеш йолу хазна а,
хьелаш дӀахьулдина къайлаха меттигаш а
Ас хьуна дӀалур ю, хьуна хаийтархьама,
Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла,
хьайн цӀарца хьо Соьга кхайкхина волу.
4 Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа,
Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа,
хьайн цӀарца хьо схьакхайкхина Ас,
сийлаллин цӀе хьуна дӀало Ас,
хьуна Со вевзаш вацахь а.
5 Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац.
Ас хьуна ницкъ лур бу,
хьуна Со вевзаш вацахь а.
6 Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а,
малх хьалагӀоттучу меттера иза дӀабузучу метте кхаччалц,
Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама.
Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац.
7 Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а,
беркат Латториг а, бохам Бийриг а.
Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хӀуманаш.
8 Лакхахь йолу стигалаш, хин тӀадамаш санна,
мархаш, догӀа санна, нийсо яийтийша охьа.
Лаьтто, дӀаса а делладелла, кӀелхьардовлар кхиадайта,
цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта!
Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза».
Кхоьллинчун а, хиллачун а да
9- 45:9 ЕшаӀ-ЯхӀу 29:16; Римхошка 9:20. Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг,
лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург!
Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хӀун деш ву?»
Йинчу хӀумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?
10 Декъаза ву дега бохуш верг:
«И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?»
Я нене бохуш верг:
«И мила ву, ахь винарг?»
11 Иштта боху Исраилан Везачу Дала,
иза Кхоьллинчу Везачу Эло:
«Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хӀуьтту шу?
Сан куьйгаша бан безачу балха тӀехь Суна омра дан муха гӀерта шу?
12 Со ву латта кхоьллинарг,
цунна тӀехь адам а Ас кхоьллина.
Сайн куьйгашца стигалш дӀасаяржийна Ас.
Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.
13 Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву,
цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама.
Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас.
Цо Сан гӀала юхаметтахӀоттор ю,
йийсаре дӀадигна Сан халкъ паргӀатдер ду,
цунах мах я совгӀаташ а ца луш», –
боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
14 Везачу Эло иштта боху:
«Мисархоша йина хӀуманаш а,
хушахойн йохкаэцар а,
лекха нах болу себахой а,
шун дола а бевлла, шун хир бу.
Уьш шуна тӀаьххье дӀабогӀур бу,
шайна тӀехь буржалш а долуш.
Шуна хьалха охьа а таьӀна,
цара дехарца бохур ду:
„Дела шуьца билггал ву,
Иза воцург, кхин дела вац“».
15 Билггал Ша къайлавоккхуш волу а,
Шен халкъ кӀелхьардаьккхина волу а
исраилхойн Дела ву Иза.
16 ЦӀуш беш берш массо а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.
Цхьаьна дӀабахар хир ду церан, юьхьӀаьржо тӀеярна.
17 Исраилан халкъ Везачу Эло кӀелхьардоккхур ду
гуттаренна а долчу кӀелхьардаккхарца.
ТӀейогӀучу хенахь цкъа а
юьхьӀаьржачу хӀуттур дац и халкъ.
18 Стигалш кхоьллина волу Веза Эла –
Иза билггал Дела ву.
Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла,
иза чӀогӀа латтийтира Цо.
Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза,
тӀехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо.
Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву,
кхин цхьа а дела вац, Со воцург.
19 Ас къайлаха а ца дийцина,
я боданечу меттехь а ца дийцина.
Якъубан тӀаьхьенах болчаьрга
Ас ца аьлла: „Эрна леха Со“.
Со бакъдерг дуьйцуш волу Веза Эла ву.
Нийса дерг дӀакхайкхадо Ас».
Дуьненан Веза Эла а, Бавелан цӀуш а
20 Везачу Эло боху:
«Вовшах а кхетий, тӀедуьйла,
халкъашна юкъара дийна дисинарш.
Сонта бу, дечигах вина шайн цӀу а лелош,
шаьш кӀелхьардахалур доцучу деланашка
доӀанаш деш берш.
21 Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дӀакховдаде.
ГӀуллакхах лаьцна вовшех дагадовла.
Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг?
Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг?
Со, Веза Эла, вац Иза?
Со воцург, кхин дела вац,
нийсонан Дела а, КӀелхьардохург а.
Кхин цхьа а дела вац.
22 Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу,
дуьненан массо а маьӀӀера адамаш!
Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.
23- 45:23 Римхошка 14:11; Пилапхошка 2:10, 11. Сайх чӀагӀо йо Ас,
Сан багара схьадолург бакъ ду,
Ас аьлла дош хийцалур дац:
хӀора а адам Суна хьалха горахӀуттур ду,
ткъа хӀора маттахь Со къобалвина хир ву.
24 Сох лаьцна дуьйцур ду:
„Везачу Элехь ю нийсо а, ницкъ а“, – бохуш.
Цунна тӀе а баьхкина, юьхьӀаьржачу хӀиттина
хир бу Цунна дуьхьалбевлла лелларш.
25 Исраилан тӀаьхьенах болу берриш а
Везачу Эло бакъбина хир бу,
Цунах цара дозаллаш дийр ду».
461 «Вел-харцдела дог доьхна ву,
Набу-харцдела охьатаьӀна ву.
Оцу деланийн суьрташ хӀинца
бежанашна тӀехь дӀахьош ду.
Хьалха аша дӀакхехьначарах
кӀадделлачу даьхнина беза мохь хилла.
2 Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьӀна а хилла.
Шайн суьрташ кӀелхьар ца дахало оцу харцделанашка.
ХӀинца уьш шаьш а йийсаре дӀабахана бу!
3 ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхьенах дерш –
Исраилан халкъах дийна мел диснарш.
Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна,
Ас карахь лелийна ду шу.
4 Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу,
шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а.
Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду.
Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.
5 Аша Со хьаьнца вустур вара?
Аша хьанах Со тарволуьйтур вара?
Со санна, кхин мила ву?
6 Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу,
терзанаш тӀехь дети узу цара.
Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара.
Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.
7 Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу.
Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта.
Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза.
Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло
я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.
8 Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь,
шайн дага тӀе эца иза, аьрха нах.
9 Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг.
Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац,
Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
10 Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас.
Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна.
Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю,
Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
11 Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю.
Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву,
Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама.
Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду.
Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.
12 ЛадогӀа Соьга, аьрха адамаш,
нийса долчунна генахь дерш.
13 Ас Сайн нийсо улло схьаеана –
иза генахь яц.
Ас лун долу кӀелхьардовлар хьелур дац.
Цийонна кӀелхьардовлар лур ду Ас,
Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю».
47Бавелна йина кхел
1- 47:1-15 ЕшаӀ-ЯхӀу 13:1–14:23; Ярми-ЯхӀу 50:1–51:64. «Чу а йоссий, чена тӀе охьахаа,
йоӀстаг санна йолу Бавел-гӀала.
Олаллин гӀантан метта, лаьтта тӀе хаа,
хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала.
Хьох кхин цкъа а эр дац
ховханиг а, экамниг а.
2 Хьеран тӀулгаш схьа а эций, дама ахьа!
ДӀадаккха хьайн йовлакх,
хьалаайае хьайн коч.
Голаш гучу а яхий,
хийх дехьаяла.
3 Хьан ерзина хилар гуш хир ду,
хьан эхь нахана гучудер ду.
Ас бекхам бийр бу,
цхьаннах а къинхетам бийр бац».
4 Вай мехах ПаргӀатдохург Исраилан Веза Дела ву,
ткъа Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
5 Везачу Эло Бавеле боху:
«Тийналлехь а Ӏе, бодашка дӀа а гӀо,
хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала.
Кхин цкъа а эр дац хьох
пачхьалкхийн зуда-паччахь.
6 Сайн халкъана оьгӀазвахнера Со,
Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас.
Ас уьш хьан кара дӀаделлера,
амма ахь царах къинхетам ца бира.
Ур-атталла къанвеллачунна а
хьайн деза дукъ тӀедуьллура ахь.
7 Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю.
Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь,
паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.
8- 47:8, 9 Довзийтинарг 18:7, 8. ХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг.
Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю.
Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь:
„Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац.
Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а,
бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.
9 Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь,
и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду:
хьан майра а, бераш а довр ду.
Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш,
Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш,
и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.
10 Хьо хьайн мекарлонех тешна яра.
Хьуна моьттура, хьо цхьанна а гур яц.
Хьан хьекъалалло а, хаарша а хьо некъах тилийна.
Хьо Делаца а нисъеш, хьайн дагахь боху ахь:
„Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац“.
11 Амма хьуна тӀе бохам богӀур бу,
бозбунчаллица иза дӀабаккха ахь могуьйтур дац.
Сингаттам хьоьга кхочур бу,
хьан ницкъ кхочур бац иза сацо.
Хьуна дагахь а доцуш долу
хӀаллакьхилар цӀеххьана догӀур ду хьуна тӀе.
12 ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а,
хьайн дерриге а бозбунчаллашца а,
ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш.
Цара хьуна гӀо дан а там бу,
цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.
13 Хьо кӀадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна.
Хиндерг хаархьама стигалш дӀасайоькъучаьрга а,
стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а,
хӀора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а,
шайн метта схьа а хӀиттина, хьо кӀелхьаръяккхийта.
14 Уьш чен юьхкаш санна ю:
цӀеро уьш багор бу!
Цаьрга ур-атталла шаьш а
кӀелхьар ца бахало цӀерах.
Ша вохвалархьама кӀоранах йолу цӀе иза хир яц,
уллохь хиъна Ӏархьама йолу цӀе иза хир яц.
15 Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра,
цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра,
амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац.
Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана,
цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».
48Дела хиндолчун Да ву
1 ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа,
ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу
Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу.
Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу,
Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо –
бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.
2 Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а,
Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу,
Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.
3 Везачу Эло боху Исраилан халкъе:
«Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш.
Сан багахула царах лаьцна Ас бохура,
нахана Ас уьш дӀахозуьйтура.
ЦӀеххьана Со лела волавелира,
ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.
4 Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а,
хьан вортана тӀера пхенаш аьчка а,
хьаж цӀестан дуйла а.
5 Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга,
хиндерг хилла далале.
Хьан ала йиш ца хилийта:
„И хӀуманаш сан цӀуша дина ду.
Дечиган я лалийначу сан суьрто
сацам бира и хӀуманаш хилийта“.
6 Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе!
Ахьа тӀе ца лоцу иза?
ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна.
Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.
7 Тоххара дуьйна дац, уьш хӀинцца кхоьллина ду.
ХӀинццалц царах лаьцна хьуна ца хезна.
Цундела хьан ала йиш яц:
„ХӀаъ, уьш хууш дара суна!“
8 Хьуна иза хезна а дац, цунах хууш хӀумма а дац.
Хьан лергаш хьалха схьадиллина дацара.
ХӀунда аьлча Суна хаьара, хьо мел ямарта ву,
ненан кийрара схьаваьлчхьана дуьйна, дуьхьалваьлларг ю хьан цӀе.
9 Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла.
Суна болу хастам бахьана долуш,
хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.
10 Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо,
амма дети санна ца лалийна хьо.
Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.
11 Аса Сайн дуьхьа до иза –
Сайн цӀе емалйойтур яц Ас,
Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».
Къуреш Везачу Эло хаьржина куьйгалхо хилар
12- 48:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 44:6; Довзийтинарг 1:17; 22:13. Везачу Эло боху:
«ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье,
Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу!
Со – волуш волу Дела ву,
Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!
13 Сан куьйгаша кхоьллина латта,
Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш.
Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича,
уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.
14 Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а!
ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна?
Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю.
Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.
15 Со цхьаъ ву вистхилларг а,
цуьнга схьакхайкхинарг а.
Со ву – иза схьавалориг,
цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.
16 ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга.
Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура.
ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», – иштта боху Везачу Эло,
ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.
Везачу Эло Шен халкъан гӀайгӀа бар
17 Иштта боху Везачу Эло,
хьо КӀелхьардоккхучо а,
Исраилан халкъан Везачу Дала а:
«Со Веза Эла ву, хьан Дела,
хьуна пайденна дерг Ӏамош волу,
хьо ваха везачу новкъа дӀавуьгуш волу.
18 Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара!
ТӀаккха хьан синтем дӀадоьду хи санна хир бара,
хьан нийсо хӀордан тулгӀенаш санна хир яра.
19 Хьан тӀаьхье хир яра гӀум санна дукха,
хьох схьабевлларш – гӀамаран буьртигаш санна.
Церан цӀе цкъа а йовр яцара,
Суна хьалха уьш дӀахедар бацара».
20- 48:20 Довзийтинарг 18:4. Бавелера арадовла,
хашадхойх дӀадовда!
Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза,
массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ:
«Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина
Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» – алий.
21 Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь,
наха хьогаллина бала ца лайна.
Дала тархах хи даьккхина царна.
Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
22- 48:22 ЕшаӀ-ЯхӀу 57:21. «Ӏесачарна машар хир бац», – боху Везачу Эло.
49Исраилан халкъ кхечу къаьмнашна серло хилар
1- 49:1 Ярми-ЯхӀу 1:5. ЛадогӀа соьга, хӀордан йистера долу къаьмнаш,
ладогӀа, генахь Ӏаш долу халкъаш!
Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тӀекхайкхина Со,
ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цӀе тиллина Цо.
2- 49:2 Ӏебархошка 4:12; Довзийтинарг 1:16. Сан маттах ира тур дина Цо,
Шен куьйган ӀиндагӀехь Со Ӏалаш а вина.
Сох ирбина пха бина Цо,
Шен Ӏад-батта чохь Со лар а вина.
3 Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг,
Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса».
4 Ас элира: «Эрна къахьегна ас!
Сайн ницкъ пайдабоцуш кхачийна ас.
ХӀетте а, суна кхочург Везачу Элера хир ду,
суна доггӀург сан Делера хир ду».
5 Ткъа хӀинца Шен Ялхо хила а,
Якъубан тӀаьхье Шена юхаерзорхьама а,
Исраилан халкъ Шена тӀе схьагулдайтархьама а
кийрахь дуьйна Со винчу Везачу Эло боху –
Везачу Элан бӀаьргашкахь Сан сийдийр ду,
ткъа Сан ницкъ Сан Делера бу. –
6- 49:6 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 42:6; Лака 2:32; Векалийн 26:23; б: Векалийн 13:47. Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Ӏийр вац,
Якъубан тайпанаш юхаметтахӀитто а,
Исраилан халкъах бухабиснарш цӀа берзо а.
Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю,
Сан кӀелхьардаккхар дуьненан массо а маьӀӀе кхачийта».
7 Исраилан халкъ мах баларца ПаргӀатдаьккхинчо,
цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло,
нахана дегаза хеташ волчу а,
къаьмнашна ца везаш волчу а
куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху:
«Паччахьаш, Хьо ган а гина,
хьалагӀовттур бу ларамца.
Паччахьийн кӀентий а, Хьо ган а гина,
лохха охьатаьӀар бу,
хӀунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло,
Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо».
Исраилан мохк юхаметтахӀоттор
8- 49:8 2 Коринтхошка 6:2. Везачу Эло боху:
«Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна,
Хьо кӀелхьарвоккху хан тӀееача, гӀо дийр ду хьуна.
Ас Ӏалаш а, лар а вийр ву Хьо,
Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу,
латта меттахӀотто а, дассаделла дакъош
юха шун долахь хилийта а,
9 йийсаре дӀабигна болчаьрга: „Арадовла!“ – ала а,
боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ – ала а.
УьстагӀий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу,
дерзинчу гунаш тӀехь церан дежийлаш хир ю.
10- 49:10 Довзийтинарг 7:16, 17. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац.
Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна,
хӀунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дӀабуьгур бу уьш.
Цо хин хьостанашна тӀе балор бу уьш.
11 Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду,
Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду.
12 Хьовсал, уьш генара схьабогӀур бу –
цхьаберш къилбаседехьара,
вуьш малхбузехьара,
кхиберш Синайм цӀе йолчу махкара».
13 Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта!
Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш!
Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу,
Цо къинхетам бо гӀело хьоьгучу Шен къомах.
14 Амма Цийоно элира:
«Везачу Эло йити со,
Хьалдолчу Элана со йицъелла!»
15 Везачу Эло жоп делира:
«Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер,
ша динчу берах къахета йицлур юй те иза?
Нагахь нанна шен бер дицлахь а,
Суна цкъа а йицлур яц хьо.
16 Хьажал, Ас хьан цӀе Сайн куьйгийн кераюккъехь дӀаязйина.
Хьан пенаш гуттара а Сан бӀаьргашна хьалха ду.
17 Хьан кӀентий хьуна тӀе юхаберза сихлуш бу,
хьо йохийнарш дӀагӀур бу хьо йолчуьра.
18 Хьайн корта хьала а айий, гонах дӀасахьажа.
Берриг а хьан кӀентий, гул а белла, хьо йолчу цӀа боьрзуш бу!
Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Ас, – боху Везачу Эло, –
зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо,
нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна.
19 Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара,
цунах къапалгаш йина яра,
ткъа хӀинца иза чӀогӀа жима хир бу
цу тӀехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана.
Хьан мохк дӀакхаьллинарш
хьо йолчуьра дӀагӀур бу.
20 Хьох бераш дӀадаьхначу хенахь
халкъана юкъахь динчу бераша
хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь:
„ХӀара меттиг чӀогӀа жима ю,
жимма дӀакхалха, со а Ӏайтархьама“.
21 ТӀаккха хьайн дагахь ахьа эр ду:
„Хьан дина суна хӀара бераш?
Сох бераш дӀадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара.
Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра.
Хьан кхиийна хӀара бераш?
Со массара а цхьа йитина ма яра –
хӀара бераш мичахь дара?“»
22 Хьалдолчу Эло иштта боху:
«Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю,
Сайн байракх ойур ю Ас царна,
тӀаккха цара куьйгаш тӀехь шайн кӀентий а,
белшаш тӀехь мехкарий а схьабахьар бу.
23 Паччахьаш дай санна хир бу хьуна,
паччахьийн зударий наной санна хир бу.
Уьш хьуна хьалха охьатаьӀар бу,
цара хьан когашкара чан юур ю.
ТӀаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла.
Ас гӀо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
24 Ондачуьнгара ижу схьаяккхалур юй?
Къизачу куьйгалхочуьнгара йийсархой схьабахалур буй?
25 Амма хӀара боху Везачу Эло:
«Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу,
къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дӀахоьцур ю.
Хьоьца тӀом беш болчаьрца Со тӀом беш хир ву,
хьан бераш Ас кӀелхьардохур ду.
26 Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду.
Шайн цӀийно бахор бу уьш, чагӀаро санна.
ТӀаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а,
хьо КӀелхьарйоккхург а, мах баларца
хьо ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла».
501 Иштта боху Везачу Эло:
«Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат,
Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу?
Я Сайна духалург ахча деллачух
хьанна доьхкина Ас шу?
Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш.
Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана.
2 Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара?
Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира?
Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан,
я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха?
Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо,
хих яьсса аре йо,
тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий,
дахкало, хьогаллина ле.
3 Ас стигалш боданехь дӀахьулйо,
сингаттаман духар тӀе а тосий».
Везачу Элан Ялхочун ладугӀуш хилар
4 Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна,
гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама.
ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со,
дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта.
5 Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина,
ткъа Со аьрха а вацара,
я Со юха а ца велира.
6- 50:6 Маттай 26:67; Марк 14:65. Сайна еттачарна букъ кӀелхӀоттийра Ас,
ткъа Сайн маж дӀаийзочарна – беснеш.
Ас юьхь дӀа ца лачкъийра,
Сайна дов деш а, шеташ етташ а.
7 Хьалдолчу Эло Суна гӀо дарна,
Суна эхь хетар дац.
Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо.
Суна хаьа, Со юьхьӀаьржачу хӀуттур воцийла.
8- 50:8, 9 Римхошка 8:33, 34. Со бакъвеш волу Дела уллохь ву.
Мила ву Соьца къовсавала лууш?
ДӀахӀоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал!
Мила ву Со бехкеван лууш верг?
ТӀеваийта иза Суна!
9 Хьалдолчу Эло гӀо до Суна.
Хьаьнга ялур ю Суна кхел?
Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу,
нецано йиъна хӀума санна, дӀабевр бу.
10 Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а,
Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а?
Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг,
Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла,
шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла.
11 Ткъа шу, цӀе латош дерш,
шаьш латийначу цӀера юккъе гӀо!
Догуш долу пхерчий схьаэцнарш,
шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела!
Иза Сан куьйго дийр ду шуна:
Ӏазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу.
51Исраил-мохк тебеш аьлла дешнаш
1 Везачу Эло боху:
«ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш,
Веза Эла лоьхурш!
Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса,
шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.
2 Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а,
шаьш динчу Сарате а.
Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара,
амма иза декъал а вина, бераш а делла,
Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.
3 Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду,
цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу.
Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю,
цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю.
Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь,
баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.
4 ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ,
ладогӀа Ас бохучуьнга:
Соьгара товрат-хьехам схьабер бу,
Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.
5 Сан нийсо гергакхочуш ю,
Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду.
Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь.
ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш,
шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.
6 Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта!
Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна.
Латта тишлур ду, бедар санна,
цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна.
Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду.
Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.
7 ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш,
Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ.
Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера,
уьш шайх кхардарх а ма къахка.
8 Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш,
тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу.
Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю,
Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».
9 ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна!
Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа.
ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна,
дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна!
РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа?
Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?
10 Ахь ца бакъийна хӀорд, йоккхачу кӀоргаллин хиш,
хӀордан бухахула некъ а буьллуш,
кӀелхьарбевлларш цунна тӀехула дехьабовлийта?
11 Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу.
Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш,
гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула.
Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна,
сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.
12 Везачу Эло боху:
«Со-суо ву шун догъоьцуш Верг.
Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах,
буц санна телхачу адамийн кӀантах?
13 Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а,
стигалш дӀасаяржийна волу а,
лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла?
Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу,
хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш,
дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта?
Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?
14 Йийсархо кестта паргӀатвоккхур ву.
Иза ор чохь а лийр вац,
цунна бепиг ца тоьуш а хир дац.
15 Со Веза Эла, хьан Дела, ву.
Ас хӀорд ловзабоккху,
цуьнан тулгӀенашка гӀовгӀа а йойтуш.
Сан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю!
16 Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина,
Сайн куьйган ӀиндагӀехь хьо къайлаваьккхина,
хьоьга стигалш дӀасаяржаяйта а,
лаьттан баххаш дӀахӀиттадайта а,
Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а».
Ярушалаймо Ӏазап хьегаран чаккхе
17- 51:17 Довзийтинарг 14:10; 16:19. Самаялахьа, самаялахьа,
гӀаттахьа, Ярушалайм!
Везачу Элан карара
Цуьнан дераллин кад мелла ахь.
Кад берриг а бассийна ахь,
цо хьо тахкийна.
18 Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь
цхьа а вацара хьо дӀайига.
Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь
цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.
19 Хьуна тӀе ши бохам беана –
хьан бийр бу хьуна синтем?
ЧӀанадаккхар а, хӀаллакдар а,
мацалла а, туьра кӀел дахар а –
и дерриге а хьуна тӀе деана –
хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду?
20 ГӀелбелла хьан кӀентий
хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу.
РечӀано лаьцна сай санна бу уьш.
Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а,
хьан Делан къематах а буьзна бу.
21 ЛадогӀа хӀокху хӀумане,
бала хьоьгуш верг а,
чагӀар малаза вехна верг а.
22 Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло,
Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала:
«Хьан куьйгара схьаоьцу Ас
хьо тахкийна болу кад.
Сан дераллах буьзна болчу
хӀокху кедара ахь кхин мер дац.
23 Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира:
„Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тӀехула дӀасалелийта“.
Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тӀехула лелийта».
52Дала Ярушалайм кӀелхьаръяккхар
1- 52:1 Довзийтинарг 21:2, 27. ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа!
Ницкъ хьайна тӀебухахьа!
Ва Ярушалайм, ва еза гӀала,
хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа!
Сунтваза верг а, боьха верг а
кхин вогӀур вац хьуна чу.
2 Хьайна тӀера чан дӀаегаехьа,
гӀаттахьа, Ярушалайм!
Паччахьан гӀанта тӀе охьахаахьа!
Хьайн вортанна тӀера зӀенаш схьаяхахьа,
йийсаре лаьцна Цийонан йоӀ!
3 Везачу Эло хӀара боху шен халкъе: «ХӀумма а йоцучу хӀуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу». 4 Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТӀаьхьо ашурхоша Ӏазапехь даллийра иза. 5- 52:5 Римхошка 2:24. Ткъа хӀинца хӀун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дӀадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угӀуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цӀе емалъеш лаьтташ ю. 6 Цундела Сан халкъана Сан цӀе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хӀара ву!“ – аьлларг Со вуйла».
7- 52:7 Нахьум 1:15; Римхошка 10:15; Эпасхошка 6:15. Машар дӀакхайкхош волчу а,
хаза кхаъ бахьаш волчу а,
кӀелхьардовлар дӀакхайкхош волчу а,
Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!»
олуш волчу а геланчин когаш
лаьмнашкахула схьабогӀуш мел хаза ду!
8 ЛадогӀа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина,
хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара.
Шайн бӀаьргашца го царна,
Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш.
9 Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша,
Ярушалайман херцораш!
ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна,
Цо мах баларца паргӀатъяьккхина Ярушалайм.
10 Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина
баьккхина дерриг а халкъашна хьалха.
Дуьненан массо а йистошна
вайн Дала делла кӀелхьардаккхар гур ду.
11- 52:11 2 Коринтхошка 6:17. ДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара!
Боьхачух дӀа ма хьакхало.
Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде,
Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!
12 Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац,
хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла.
Исраилан халкъан Веза Дела хир ву,
шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.
Ялхочо бала хьегар
13 Везачу Эло боху:
«Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву.
Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.
14 Иза гича, дукха адам инзардаьллера, хӀунда аьлча
цхьана а адаман йоцучу кепара цӀармата дара Цуьнан сибат,
цхьана а стеган ца хуьлу хатӀ дара Цуьнан.
15- 52:15 Римхошка 15:21. Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду,
паччахьаша шайн баганаш дӀакъовлур ю Цунна хьалха.
Шайга ца дийцинарг гур ду царна,
шайна ца хезначух кхетар бу уьш».
531- 53:1 Римхошка 10:16; Яхьъя 12:38. Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух?
Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс?
2 Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна,
декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву.
Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара
вайн тидам цунна тӀебахийта.
Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара
вай Цунна тӀеозалуш долу.
3 Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза.
Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза.
Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна,
Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
4- 53:4 Маттай 8:17. Амма, вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна,
Цо вайн лазарш дӀадаьхьира.
Ткъа вайна моьттура, Иза таӀзар динарг, –
Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара.
5- 53:5 1 Кипин 2:24. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза,
вайн къиношна хьаьшна вара Иза.
Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь,
ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.
6- 53:6 1 Кипин 2:25. Вай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара,
хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара.
Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе
вайн массеран а къинош а, бехк а.
7- 53:7, 8 Векалийн 8:32, 33. Цунна гӀело а йора, ницкъ а бора,
амма Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
Урс хьакха дӀабуьгуш болчу Ӏахаро санна,
ша лоргучунна хьалха шен Ӏаь ца йолуьйтучу уьстагӀо санна,
Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
8 Цуьнан гӀуллакх харц къасторна, Иза дӀаваьккхира.
Амма Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна хьан ойла йора?
Дийначеран лаьтта тӀера дӀаваьккхина вара Иза.
Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира.
9- 53:9 1 Кипин 2:22. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна,
хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза,
Цо цкъа а къизалла ца йинехь а,
Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.
10 Амма Везачу Элан лаамехь дара
Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а.
Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь,
тӀаьхьенах берш гур бу Цунна,
Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо,
ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца
Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
11 Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа,
Цунна юха а дахаран серло а гур ю,
Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву.
Нийсаверг волчу Сан Ялхочо
дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу,
церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.
12- 53:12 Марк 15:28; Лака 22:37. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна,
ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо,
Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а,
зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а.
Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира,
зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.
54Везачу Элан Исраилан халкъе болу безам
1- 54:1 Галатахошка 4:27. «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг,
цкъа а бер хилла а йоцург!
Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха,
бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг,
хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду,
майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло.
2 «ДӀасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг,
хьайн хӀусамийн шаршуш дӀаяржае!
Юха ма оза! Четар чӀагӀдеш долу машшаш дӀахеца,
ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чӀагӀде!
3 ХӀунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агӀор дӀасаяьржар ю.
Хьан тӀаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду,
яссийна церан гӀаланаш хьалаюзур ю.
4 Кхера ма кхера – кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц хьо.
Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо.
Хьайн жимачу хенахь юьхьӀаьржачу хӀоттар дицлур ду хьуна,
хьайн йисина Ӏаш сий дайна хилар дага а догӀур дац хьуна.
5 Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра –
Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю.
Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву,
Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.
6 Везачу Эло кхойкху хьоьга,
йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна,
жимачу хенахь ялийна а,
юха дӀатесна а йолчу зудчуьнга санна, –
боху хьан Дала. –
7 КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо,
амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.
8 ОьгӀазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас,
амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», –
боху хьо КӀелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.
9- 54:9 Доладалар 9:8-17. «Суна иза Нохьин деношкахь санна ду.
Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла.
ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а,
бехкаш ца даха а.
10 Лаьмнаш дегадахь а,
гунаш меттахдовлахь а,
Сан хьоьга болу хедар боцу безам дӀабер бац,
Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», –
боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло.
Керла Ярушалайм
11- 54:11, 12 Довзийтинарг 21:18-21. «Пекъар йолу, мохо дӀасалестош йолу,
шена синтем ца бина йолу гӀала!
Ас-Айса хьан тӀулгаш поппарца дуттур ду,
хьан бух саппир-тӀулгех буттур бу,
12 хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю,
кевнаш – къегачу жовхӀарех,
ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.
13- 54:13 Яхьъя 6:45. Везачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий,
церан машар а, беркат а доккха хир ду.
14 Нийсонна тӀехь чӀагӀйина хир ю хьо.
Ӏазап дар хьуна генадер ду,
хьо кхера оьшуш хӀумма а дац.
Къемат хьуна генадер ду,
иза хьуна улло догӀур дац.
15 Нагахь хьуна тӀе цхьаъ латахь а,
иза Соьгара хир дац.
Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.
16 Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина,
цо, алу алсам а йоккхий,
балхана догӀуш долу герз кечдо.
Ткъа иштта Ас кхуллу хӀаллакдийриг а,
цуьнга адамаш хӀаллакдайтархьама.
17 Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац.
Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга.
Иза Везачу Элан ялхойн тӀаьхье ю,
Соьгара долу церан бакъдар ду», –
боху Везачу Эло.
55Делера болу къинхетам
1- 55:1 Довзийтинарг 21:6; 22:17. Везачу Эло боху:
«Ва дерриге а хьогах дерш,
хиш тӀе схьадуьйла!
Ва шайгахь ахча доцурш,
схьадуьйла, эца, яа!
Схьадуьйла, дети доцуш эца,
ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!
2 Аш хӀунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух?
Мах а луш, меца хӀунда дуьсуш ду шу?
Дика Соьга ла а догӀий, мерзаниг дӀадаа,
тӀаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду.
3- 55:3 Векалийн 13:34. ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла!
ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама!
Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца,
Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.
4 Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира,
тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.
5 Хьайна девзаш доцу халкъаш тӀекхойкхур ду ахь,
хӀинццалц царна хьо а ца девзара.
Уьш хьуна тӀекхача сихлур бу,
хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа,
хӀунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».
6 Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь.
Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.
7 Ӏесачо шен некъ буьтийла,
ткъа къинош летийначо – шен ойланаш.
Везачу Элана тӀевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу –
Вайн Далла тӀе, хӀунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду.
8 «Сан ойланаш шун ойланаш яц,
шун некъаш Сан некъаш дац, –
боху Везачу Эло. –
9 Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара,
Сан некъаш а ду шун некъел лекха,
Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха.
10- 55:10 2 Коринтхошка 9:10. ДогӀа а, ло а, стигалара охьа а догӀий,
цара латта даша а дой,
цу тӀехь хьаладолург кхуьуьйту,
ялта дӀадуьйш волчунна хӀу а,
юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш.
ТӀаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу.
11 Иштта ду Сан багара схьадолу дош а –
иза даьсса юха ца доьрзу Суна тӀе.
Цо Суна луург кхочушдо,
Ас даийтина дош Ӏалашоне кхочу.
12 Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду,
машарца новкъа а дохур ду.
Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю,
аренашкарчу дитташа шайн тӀараш деттар ду.
13 Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду.
КӀохцалийн метта, миртан дитт хьалагӀур ду.
И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а,
гуттаренна йолчу а, дӀаер йоцучу а билгалонна а».
56Массо а халкъашна долу кӀелхьардовлар
1 Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. 2 Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».
3 Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву».
ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац». 4 Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна 5 Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».
6 Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш 7- 56:7 Маттай 21:13; Марк 11:17; Лака 19:46. буьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.
8 ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».
Исраилхойн тхьамданаш бехке бар
9 Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа! 10 Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш. 11 Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву. 12 «Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».
57ЦӀушна Ӏамалъеш берш бехке бар
1 Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама. 2 Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.
3 «Амма шу – тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу! 4 Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу? 5 Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. 6 Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со? 7 Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха. 8 НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна. 9 Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь – ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш. 10 Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.
11 Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар? 12 Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна – царах хьуна пайда бер бац. 13 Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
Дог доьхначух къахетар
14 Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
15 ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. 16 Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. 17 Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.
18 Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу. 19- 57:19 Эпасхошка 2:17. Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. 20 Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу. 21- 57:21 ЕшаӀ-ЯхӀу 48:22. Ӏесачарна машар хир бац», – боху сан Дала.
58Бакъдолчу марха кхабарх лаьцна
1 Везачу Эло боху: «ЧӀоггӀа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маӀах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тӀаьхьенна цуьнан къинош а дӀахаийта. 2 Цара хӀора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дӀа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гӀуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш».
3 Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хӀунда ца го иза? Тхо кӀезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хӀунда ца бо Ахь?»
Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тӀедуьллу. 4 Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгӀа а оьгӀу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха. 5 Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргӀало санна, шен корта охьатаӀабен а, шена кӀел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?
6 ХӀара ду Суна лууш долу марха: харцонан гӀоьмаш дӀаяха, дезачу дуькъан машшаш дӀадаста, Ӏазапехь берш паргӀатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, 7- 58:7 Маттай 25:34. мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.
8 ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна. 9 Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“
Ахь хьо волчуьра Ӏазап латтор дӀа а даккхахь, пӀелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь, 10 доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу. 11 Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хӀоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьӀахкаш чӀагӀйийр ю, тӀаккха хьо хих Ӏабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву. 12 Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду».
Шоьтан де лардарна совгӀатдар
13 «Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь, 14 хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
59Къинош леторна халкъ бехкедар
1 Хьажал, Везачу Элан куьг шу кӀелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац. 2 Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дӀаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! 3 ХӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийно бехдина ду, шун пӀелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.
4 Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гӀуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хӀума дола а дой, бохам боккху. 5 Лаьхьанан хӀоаш тевна дохкий а Ӏа, маша а бузу цара. Церан хӀоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу. 6 Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тӀедухалур дац цаьрга. Церан гӀуллакхаш харцонан гӀуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг. 7- 59:7, 8 Римхошка 3:15-17. Зуламна тӀебовду церан когаш, бехк боцучун цӀий Ӏано сихло уьш. Ӏеса ю церан ойланаш, дохор а, хӀаллакьхилар а ду церан некъаш тӀехь. 8 Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тӀехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.
Халкъо шен къинойх даре дар
9 Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тӀе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тӀебогӀу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Ӏаьржачу боданехь лела. 10 БӀаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бӀаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркӀажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. 11 Черчий санна, Ӏоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кӀелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.
12 ХӀунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза. 13 Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Ӏехийра оха. Тхайн Делах дӀадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. 14 Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хӀунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира. 15 Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу.
Везачу Эло Шен халкъ кӀелхьардаккха кечдо
Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар. 16- 59:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 63:5. Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна. 17- 59:17 Эпасхошка 6:14, 17; 1 Тассалникахошка 5:8. Цо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира. 18 Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду. 19 Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.
20- 59:20 Римхошка 11:26. «Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, – боху Везачу Эло. – 21 Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», – боху Везачу Эло.
60Ярушалайман хинйолу сийлалла
1 «ГӀаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана,
Везачу Элан сийлалла хьуна тӀехула хьала ма яьлла!
2 Хьажал, бодано латта дӀахьулдийр ду,
халкъаш а Ӏаьржачу боданна кӀел гӀур ду,
амма хьуна тӀехула Веза Эла садаржаран серлонехь гӀоттур ву,
Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тӀехь.
3 Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду,
паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тӀе.
4 Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа:
уьш массо а, гул а белла, хьуна тӀебогӀуш бу.
Хьан кӀентий генара схьабогӀуш бу,
карахь хьан мехкарий а бахьаш.
5 ТӀаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна,
хьан дог, тохаделла, шорлур ду.
ХӀордан хьал хьан карадогӀур ду,
халкъийн долахь дерг хьуна тӀе доьрзур ду.
6 Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта,
къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина.
Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю.
Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
7 Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду,
набуятихойн коьмаша хьан гӀуллакх дийр ду.
СагӀа доккху Сан кхерча тӀехь тамехь долу сагӀа хир ду царах,
иштта Сайн исбаьхьаллин цӀийнан сийдийр ду Ас.
8 Мархаш санна а, шайн баннаш
тӀе доьлху кхокхарчий санна а,
тӀемаяьлла йоьдург хӀун ю?
9 Иштта, Соьга хьоьжуш хӀордан йистера халкъаш ду,
ткъа царал хьалха Таршашан хӀордкеманаш ду,
генара шун кӀентий цӀа балош догӀуш долу.
Цара дахьаш дети а, деши а ду
Везачу Элан, хьан Делан,
Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа,
хӀунда аьлча Цо хьан сий айина.
10 Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду,
церан паччахьаша хьуна гӀуллакх дийр ду.
Со оьгӀазвахча, Ас таӀзар дора хьуна,
амма хӀинца Сайн дикаллица
хьоьца къинхетаме хир ву Со.
11- 60:11 Довзийтинарг 21:25, 26. Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду,
уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац,
халкъийн хьал хьуна чудаийта а,
церан паччахьаш схьабалабайта а.
12 Ткъа хьуна гӀуллакх ца до
пачхьалкхаш а, халкъаш а
чекхдовллалц хӀаллакдийр ду.
13 Ливанун-махкара сийлахь дитташ –
зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний –
хьуна схьадахьар ду.
Цаьрца хаздийр ду Сан деза цӀа,
тӀаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган.
14- 60:14 Довзийтинарг 3:9. Хьуна гӀело йиначеран кӀентий,
муьтӀахь хиларца хьо йолчу а баьхкина,
хьан когашка охьаоьгур бу.
Хьох ца бешаш хиллачара
хьох эр ду Везачу Элан гӀала а,
Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а.
15 Хьо дӀатесна а, ца езаш а,
цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта,
Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка хазахетар а долу гӀала.
16 Халкъаша а, паччахьаша а юзор ю хьо,
нанас дакхош долу бер санна.
Хьуна хуур ду Веза Эла волу Со, хьо КӀелхьарйоккхург а,
хьо мах баларца ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла.
17 ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна,
эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а,
тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду.
Машар хир бу хьан куьйгалхо,
нийсо хир ю хьан тӀехьожург.
18 Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь,
дохор а, хӀаллакдар а – хьан дозанашкахь.
Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду,
ткъа хьайн кевнах – Хастам.
19- 60:19 Довзийтинарг 21:23; 22:5. Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац,
батто буьйсанна шен нур а лепор дац,
хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш,
хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.
20 Хьан малх цкъа а дӀабузур бац,
бутт кхин къайла а бер бац,
хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш.
Хьан баланийн денош чекхдевр ду.
21 Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш,
абаденналц лаьттан дола деш хир ду.
И халкъ Ас доьгӀна синтар ду,
Сан куьйгийн болх бу,
Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
22 КӀезигчух эзар адам схьадер ду,
уггар гӀийлачух – онда халкъ.
Со ву Веза Эла.
Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».
61КӀелхьардовларх болу хаза кхаъ
1- 61:1, 2 Лака 4:18, 19. Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан,
хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина
мискачарна хаза кхаъ кхайкхо.
Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан,
йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо,
тутмакхаш набахтера арабаха,
2- 61:2 Маттай 5:4. Везачу Эло диканца леладо шо а,
вайн Делан бекхаман де а кхайкхо,
гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,
3 Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла –
чиман метта, царна таж лур ду,
белхаран метта, самукъадалар лур ду,
эшначу синан метта – хастаман духар.
Царах эр ду нийсонан нежнаш,
Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама,
Везачу Эло доьгӀна долу.
4 Цара шира херцораш юхаметтахӀиттор ю,
тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю.
Дуккха а тӀаьхьенашкара дуьйна яссийна
лаьтташ йолу гӀаланаш карлайохур ю цара.
5 Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду.
Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.
6 Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду,
вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю.
Халкъийн хьоло кхобур ду шу,
церан дозаллех аш куралла йийр ю.
7 Шун юьхьӀаьржачу хӀоттаран метта
лаьттан шозза дакъа лур ду шуна.
Шу сийсаздахаран метта
шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу.
Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна,
гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун.
8 «ХӀунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза,
ницкъбарца долу талор ца деза.
Тешаме а волуш, Ас совгӀат лур ду царна,
гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца.
9 Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу,
ткъа церан тӀаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю.
Уьш мел гуш болчарна хуур ду,
Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла».
10- 61:10 Довзийтинарг 21:2. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со,
сан са хир ду сайн Делах доккхадеш.
Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе,
Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина,
зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а,
нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.
11 Лаьтто шен ялта кхиоре терра а,
бешо стоьмаш хьалабахаре терра а,
Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю,
массо а халкъашна хьалха
Шена хастамаш бойтур а бу.
621 Цийонан дуьхьа дӀасоцур вац со,
Ярушалайман дуьхьа тийна Ӏийр вац,
цуьнан нийсо, Ӏуьйренан серло санна, гӀатталц,
цуьнан кӀелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц.
2 Халкъашна хьан нийсо гур ю,
массо а паччахьашна – хьан сийлалла.
Хьуна керла цӀе туьллур ю,
Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.
3 Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо,
хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю.
4 Кхин эр дац хьох «Йитинарг»,
я хьан лаьттах кхин эр дац «ДӀатесна дерг».
Хьан цӀе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу»,
ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду,
Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела,
хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела.
5 Жимачу стага йоӀстаг ма-яллора,
хьан кӀенташа хьан дола дийр ду.
Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара,
иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.
6 Хьан пенаш тӀехь хехой хӀиттор бу Ас, Ярушалайм.
Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац.
Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш,
дист а ца хуьлуш ма Ӏелаш.
7 Цуьнга са ма даӀийта, Цо Ярушалайм юхаметтахӀоттаяллалц,
цунах Цо дуьненан сийлалла яллалц.
8 Везачу Эло чӀагӀо йина
Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а:
«Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагӀашна кхачанна,
кхечу къаьмнийн наха хьан чагӀар а мер дац,
ахь шена тӀехь болх бина долу.
9 Кемсаш кхиочара юур ю уьш,
Везачу Элана хастам бийр бу цара.
Кемсаш лахьочара мер ду чагӀар
Сан дезачу цӀийнан керташкахь».
10 Схьадуьйла, кевнах чекхдовла!
Халкъана некъ кечбе!
Хьалаайина бе и некъ!
Оьшуш доцу тӀулгаш дӀадаха!
Хьалаайа байракх къаьмнашна!
11- 62:11 ЕшаӀ-ЯхӀу 40:10; Довзийтинарг 22:12. Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц:
«ДӀаала Цийонан йоӀе:
„Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш!
Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш!
Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду,
Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».
12 «Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах,
ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.
63Бекхаман де
1- 63:1-6 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 25:12-14; 35:1-15; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг?
«Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».
2 Хьан бедарш цӀен хӀунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?
3- 63:3 а: Довзийтинарг 14:20; 19:15; б: Довзийтинарг 19:13. «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгӀазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цӀий Сан обанна тӀе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. 4 Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна. 5- 63:5 ЕшаӀ-ЯхӀу 59:16. Со хьийжира, амма гӀоьнча вацара. Со цецвелира, гӀо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гӀо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира. 6 Сайн оьгӀазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цӀий лаьтта охьадоьттира Ас».
Дела Исраилан халкъаца дика хилар
7 Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гӀуллакхаш а,
Цунна хастам бан хьакъ долу гӀуллакхаш а.
Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а,
Шен хедар боцу безам боккха хиларна а,
Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас,
Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.
8 Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТӀаккха Иза церан КӀелхьардоккхург хилира. 9 Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. 10 Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.
11 ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? 12- 63:12 Арадаккхар 14:21. Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дӀасадекънарг, абаденналц Шен цӀе гӀараяккхархьама? 13 Мичахь ву уьш Ӏаннашкахула дӀабигнарг?»
Шерачу арахула дӀаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дӀабоьлхуш. 14 ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.
Къинхетам бар а, гӀо дар а доьхуш долу доӀа
15 Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цӀа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гӀайгӀа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу. 16 Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю. 17 Хьайн некъаш тӀера тхо гал хӀунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чӀогӀа тхан дегнаш чӀагӀ хӀунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа.
18 КӀеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хӀинца тхан мостагӀаша хьаьшира Хьан деза цӀа. 19 Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.
641 Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха. 2 ЧӀешах цӀе латийча санна а, цӀеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагӀашна Хьан цӀе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта! 3 Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира. 4- 64:4 1 Коринтхошка 2:9. Азалера дуьйна лергана а ца хезнера, цхьанна хаа ца велира, бӀаьргана а ца гинера кхин Дела, Хьо воцург, Шега хьоьжуш болчеран дуьхьа леладеш волу. 5 Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду? 6 Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дӀахӀиттина, оха мел дина бакъахьара гӀуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гӀа санна, маргӀалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дӀахьо тхо. 7 ДоӀанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гӀерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хӀаллакьхила а дуьтуш.
8 Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. 9 Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду. 10 Хьан езачу гӀаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла. 11 ЦӀергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цӀа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хӀинца йохийна Ӏохкуш ю. 12 Веза Эла, и дерриг а хиллачул тӀаьхьа а ӀадӀийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таӀзар деш а хир ву Хьо?
65Дала къарцалучарна таӀзар дар
1- 65:1 Римхошка 10:20. «Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цӀаре доӀанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гӀо дан кийча ву!“ – баьхна Ас. 2- 65:2 Римхошка 10:21. Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Ӏийна Со. 3 Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагӀанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, 4 къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь. 5 Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тӀе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кӀур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цӀе ю.
6 ХӀара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Ӏийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дӀалур ду царна 7 цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггӀуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора, гунаш тӀехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гӀуллакхашна доггӀург Ас токхур ду царна“».
8 Иштта боху Везачу Эло: «Кемсийн хорханехь мутта долчу хенахь олу: „Йоха ма е иза, цхьадолу диканиг цунна чохь хила мега дела“. Изза дийр ду Ас Сайн ялхойн дуьхьа, массо а хӀаллак ца вархьама. 9 Якъубах Ас тӀаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхӀудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Ӏийр бу цигахь. 10- 65:10 ЮшаӀ 7:24-26. Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагӀийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоӀу меттиг хир ю Ӏахур-тогӀи.
11 Ткъа шу, Со дӀа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цӀунна+ 65:11 *Гада *– иза аьттонан харцдела ву.* кхача кечбеш дерш а, Мени-цӀунна+ 65:11 *Мени *– иза кхолламан харцдела ву.* чагӀаран кад луш дерш а, 12 Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хӀунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгӀира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». 13 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, 14 Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна. 15 Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо. 16 Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу».
Керла кхоьллинарг
17- 65:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 66:22; 2 Кипин 3:13; Довзийтинарг 21:1. «Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догӀур дац, даг тӀехь а хир дац. 18 Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хӀунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду. 19- 65:19 Довзийтинарг 21:4. Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гӀали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. 20 Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара. 21 Уьш, цӀенош а деш, царна чохь Ӏийр бу, кемсийн бошмаш а югӀуш, церан стоьмаш бууш хир бу. 22 Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу. 23 Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хӀунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тӀаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду. 24 Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хӀинцале хезар ду. 25- 65:25 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:6-9. Борз а, Ӏахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тӀехь», – боху Везачу Эло.
66Къаьмнашна тӀехь Везачу Эло кхелъяр
1- 66:1, 2 Векалийн 7:49, 50. Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю? 2 И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.
3 Амма сту сагӀина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагӀина Ӏахар боккхуш верг жӀаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КӀен сагӀа доккхуш верг хьакхин цӀий сагӀина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягош верг цӀунна Ӏибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гӀуллакхех царна там хиларе терра, 4 Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тӀе, хӀунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгӀира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура».
5 Везачу Элан даше ладогӀа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цӀе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дӀалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тӀаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. 6 ЛадогӀа! ГӀалара схьахезаш гӀовгӀа ю, Делан цӀа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагӀашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду.
7- 66:7 Довзийтинарг 12:5. Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кӀант вина. 8 Хьанна хезна ишттаниг? Хьанна гина ишттаниг? Цхьана дийнахь пачхьалкх кхоллаеллий? Цхьана сахьтехь къам кхолладеллий? Амма лазарша хьийзо йолаялале, Цийоно шен кӀентий бина. 9 Бер дуьнен тӀе долу хан тӀе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Ӏийр вуй Со? – боху Везачу Эло. – Я бер дан ницкъ а белла, ненан цӀа дӀакъовлур дуй Ас?» – боху хьан Везачу Эло.
10 Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша,
иза езаш долу шу массо а!
Даккхийдейша цуьнца хӀинца
шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!
11 Цуьнан синтемечу некхах шу,
дакха а декхна, Ӏаьбна хир ду.
ЧӀогӀа мала а муьйлуш, цуьнан
даккхийчу накхойх зовкх хьоьгур ду.
12 ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тӀе, догӀу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тӀедаьлча догӀу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тӀехь хьоьстур а ду. 13 Нанас беран догъоьцуш санна, Ас шун догъоьцур ду. Ярушалаймехь догъэцна хир ду шун. 14 Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза».
15 Веза Эла цӀергахь вогӀур ву. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгӀазалла дераллица тӀеюттур ю, ткъа Шен къемат – цӀеран алунашца. 16 ХӀунда аьлча Везачу Эло цӀерца а, Шен туьраца а массо а адамна тӀехь кхел йийр ю. Цо хӀаллакбина дуккха а хир бу.
17 «Езачу бошмашкахь цхьаъ вукхунна тӀаьххье шаьш базбеш а, цӀанбеш а берш а, хьакхин жижиг а, маьттаза хӀуманаш а, дехкий а дуурш а массо а лийр бу, – боху Везачу Эло. – 18 Сох лаьцна аьлча, церан гӀуллакхаш а, ойланаш а бахьана долуш, Ас массо а къаьмнаш а, меттанаш а гулдийр йолу хан тӀекхаьчна. Схьа а баьхкина, Сан сийлалла гур ю царна. 19 Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тӀе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тӀе а, пӀулахошна а, шайн говзачу Ӏад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тӀе, Тубална а, Яванна а тӀе, генахь долчу хӀордан йистерачу халкъашна а тӀе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. 20 Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгӀатна говрашна тӀехь а, гӀудалкхаш чохь а, ворданашна тӀехь а, бӀарзанашна а, эмкалшна а тӀехь Сан безачу лам тӀе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цӀийне цӀеначу пхьегӀи чохь совгӀат ма-дарра. 21 Царах схьаоьцур бу Ас динан дай а, левихой а бан нах», – боху Везачу Эло.
22- 66:22 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:17; 2 Кипин 3:13; Довзийтинарг 21:1. «Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тӀаьхье а, цӀе а даим юьсур ю. 23 Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догӀур ду, – боху Везачу Эло. – 24- 66:24 Марк 9:48. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш».