ХӀушаӀ-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

ХӀушаӀ-пайхамаро Делера кхайкхамаш бора Исраилан къилбаседерчу пачхьалкхехь, Ӏамос-пайхамар хиллачул тӀаьхьа. ГӀайгӀанечу заманахь, Шамран-гӀала йохале, ворхӀ бӀе ткъе хьалхарчу шарахь, Ӏийса дуьнен тӀе валале, хилла иза. ХӀушаӀан коьрта баланаш бара наха цӀушна Ӏамалъярх лаьцна а, уьш Далла тешаме цахиларх лаьцна а. Тешаме йоцу зуда шен долахь а йолуш, цунах даьхначу дешнашца буьрсачу суьртехь ХӀушаӀа халкъан Деле болу цатешам гучубоккхура. Гомар цӀе йолу цуьнан зуда цунна тешаме цахиларе терра, Делан халкъо а Веза Эла дӀатесира. И бахьана долуш, Исраилан халкъана таӀзар дийр дара. Делахь а Делан Шен халкъе болуш болу хедар боцу безам тӀаьххьара а тоьлур бара. Дала Шен халкъ Шеца тойтур а дара, цуьнца йолу юкъаметтиг карлайоккхур а яра. И Делан безам хӀокху дешнашкахь гуш бу: «Муха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ?.. Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла» (11:8).

1

1- 1:1 а: Сулим 15:1-7; 2 Шерашкахь 26:1-23; б: Сулим 15:32-38; 2 Шерашкахь 27:1-8; в: Сулим 16:1-20; 2 Шерашкахь 28:1-27; г: Сулим 18:1–20:21; 2 Шерашкахь 29:1–32:33; э: Сулим 14:23-29. ЯхӀуд-мехкан паччахьаша Ӏузи-ЯхӀус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхӀус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кӀант волчу ЯрбаӀама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кӀанте ХӀушаӀе Везачу Элера хаам хилла.

ХӀушаӀ-пайхамарна хиллачух лаьцна

2 Везачу Эло, ХӀушаӀехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира:

«Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна,

цунах девр долу бераш схьаэца,

тешаме доцуш уьш хир делахь а,

хӀунда аьлча хӀара халкъ чӀогӀа зуламе даьлла,

кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀоьттина,

Везачу Элах дӀадирзина иза».

3 Вахана, ХӀушаӀа шена Диблайман йоӀ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХӀушаӀана кӀант вина. 4- 1:4 Сулим 10:11. Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «КӀантана, ИзраӀал алий, цӀе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраӀалан тогӀи чохь цӀий Ӏанор Аса дӀадоькхур ду ЯхӀу-паччахьан цӀенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса. 5 Цу дийнахь ИзраӀалан тогӀи чохь исраилхойн тӀеман ницкъ бохор бу Аса».

6 Гомара, юха а берах а хилла, йоӀ йина. Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац. 7 Делахь а Аса ЯхӀудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаӀодаца а, туьраца а, тӀамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кӀелхьарбохур бу».

8 Ло-Рухьама екхачуьра дӀаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кӀант вина. 9 Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Ӏами) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.

10- 1:10 Римхошка 9:26. Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга. 11 ТӀаккха яхӀудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дӀа а хӀоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хӀунда аьлча ИзраӀалан+ 1:11 *ИзраӀал – *– иза «Дала дӀадоь» бохург ду.* де сийлахь хир ду!»

2

1 «Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Ӏами) алий, цӀе тилла,

ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цӀе тилла».

Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь таӀзар дар

2 «Кхел яйта шайн нанна,

жоьпе озаяйта иза!

Иза Сан зуда ма яц,

ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац.

Шен сийсазлелар дита ала,

шен тешаме ца хилар сацаде ала.

3 Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь,

цуьнан бедарш этӀор ю Аса,

нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара,

ерзина а яьккхина.

Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса,

иза, декъа латта санна, йийр ю Аса,

хьагъярца хӀаллакйийр ю.

4 Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех,

тешаме доцу бераш уьш долу дела.

5 ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара,

уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара.

Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со,

цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.

6 Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу,

цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.

7 Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц.

Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш.

ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со.

Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.

8 Цунна ца лаьа къобалдан

ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар,

шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар,

ткъа цо царах БаӀал- цӀу дӀахӀоттийна.

9 Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта.

Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду.

Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а,

цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.

10 Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха.

Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.

11 Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а,

шеран деза денош даздар а,

бутт цӀинбаларан денош даздар а,

шоьтан денош ларар а –

дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.

12 Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш,

инжиран дитташ а дассор ду.

„Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, –

олу цо царах лаьцна.

Аса царах акха боьлак йийр ю,

аренийн акхароша цоьстур йолу.

13 Аса таӀзар дийр ду цунна,

БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а,

шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина,

шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а.

Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло.

Везачу Элан лаам бу Шен халкъ Шена юхадерзо

14 «Цундела Аса иза хьостур ма ю.

Яьссачу аренга иза дӀа а йигина,

цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.

15 Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю

цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш.

Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех

сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса.

Цигахь эшарш лоькхур ю цо,

шен къоналлин деношкахь санна,

иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».

Везачу Эло Исраилан халкъ юхаметтахӀоттор

16 Иштта боху Везачу Эло:

«Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох,

кхидӀа „сан БаӀал“+ 2:16 *БаӀал *– Ӏебархойн маттахь иза «олахо» бохуш ду.* эр дац ахь Сох.

17 БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса,

церан цӀераш кхин йохур яц цо.

18 Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца,

стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца.

Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера.

Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.

19 Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо.

Нийсо а, бакъдерг а,

хедар боцу безам а, къинхетам а баларца

Сайна ерзор ю Аса хьо.

20 Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо,

Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.

21 Цу дийнахь иштта хир ду, –

боху Везачу Эло, –

Аса стигалан дехарна жоп лур ду,

цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.

22 Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду,

ткъа цара „ИзраӀал“ – Дала дӀадоь – аьлла, жоп лур ду.

23- 2:23 Римхошка 9:25; 1 Кипин 2:10. Иза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю,

„Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса.

„Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“.

Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду».

3

ХӀушаӀ-пайхамарна хиллачух лаьцна

1 Везачу Эло соьга элира: «Вало, юха а еза хьайн зуда, иза кхечунна езахь а, иза сийсаза лелахь а. Еза и зуда, Везачу Элана исраилхой безаш хиларе терра – уьш кхечу деланашна тӀе дӀабирзинехь а, цу деланашна лерина йолу Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш царна езахь а».

2 Аса сайна и зуда ялийра, пхийтта дато шекхал ахча а, ворхӀ а, ах а гали мукх а белла. 3 Аса цуьнга элира: «Со волчохь дуккха а денош даха. Суна тешаме йоцуш а ма хила, кхечу стагах а ма хьакхало, ткъа со хьох а хьакхалур вац». 4 Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагӀанаш, я деланашна хӀиттийна тӀулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цӀуш а боцуш. 5 Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.

4

Исраилан халкъан къинош а, цара хуьлуьйтург а

1 Ва исраилхой, ладогӀал Везачу Элан даше!

Везачу Эло кху лаьтта тӀерачу бахархошка иштта бехк боккху:

«Лаьтта тӀехь тешаме хилар а дац,

безам а, Дела вовзар а дац.

2 Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий,

вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий,

марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь,

адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.

3 И хӀума бахьана долуш хӀара латта тийжар ду.

Лаьтта тӀехь бехачу массеран а гӀора довр ду.

Аренийн акхарой, стигалара олхазарш,

ур-атталла хӀордан чӀерий а хӀаллакьхир ду.

4 Амма цхьа а стаг къийса ма ло,

цхьаммо а важа Ӏора ма ваккха,

хӀунда аьлча хьан халкъ

динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду.

5 Дийнахь галвер ву хьо, динан да,

ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу.

Иштта хьан нана а дӀасацор ю Аса.

6 Сан халкъ дӀасацийна, Со къобал ца варна.

Со къобалвар ахь дӀатесна дела,

ахь Суна, динан дас санна, гӀуллакх дар Аса а дӀатосур ду.

Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела,

Аса а дицдийр ду хьан бераш».

Исраилан халкъана кхел яр а, цуьнга дӀахьедар дар а

7 «Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду.

Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса.

8 Сан халкъо даьхна къинан сагӀанаш а дууш,

церан синош халкъо лелийначу харцонашна тӀегӀерта.

9 Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а.

Цара дӀакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таӀзар.

Церан гӀуллакхашка хьаьжжина, Аса дӀадоькхур ду царна.

10 Юур ю цара, амма бузур бац.

Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац,

хӀунда аьлча Веза Эла волчу Сох дӀабирзина уьш,

11 Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш.

Нахаца леларо а, чагӀаро а –

иза шира я керла даьккхина делахь а –

сан халкъан кхетам дӀа ма оьцу!»

Кхечу деланашца а, нахаца а леларна, Исраилан халкъ бехке хилар

12 «Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах,

ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло.

Цатешаме хиларан сино уьш тилийна.

Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина,

Делах дӀабирзина уьш.

13 Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара,

баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош,

ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел,

оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела.

И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо,

ткъа шун несарий а нахаца лела.

14 Аса шун йоӀаршна таӀзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна,

шун несаршна а таӀзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна.

ХӀунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дӀа а дуьйшу,

нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца+ 4:14 *Нахаца лелаш йолу «еза» зуда *– и санна йолчу зудчуьнца лелар цӀунна гӀуллакх дар лорура. Кхечу къаьмнашна гергахь иза наха лоруш зуда яра. Цундела цунах «еза» олу.* цхьаьна сагӀанаш а доху аша.

Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“»

Исраилан халкъана кхел яр а, цуьнга дӀахьедар дар а

15 «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а,

яхӀудхоша ма летадахьара изза къа!

Шу Галгал-гӀала а ма гӀо,

Байт-Аван-гӀала+ 4:15 *Байт-Аван-гӀала *– иза «цӀушна Ӏамалъяран цӀа» бохург ду. Бакъду, иза Бетал-гӀала яра. Ткъа иза «Делан цӀа» бохург ду.* хьала а ма довла.

Ма баха, дуйнаш а бууш:

„Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас!“

16 ХӀунда аьлча Исраилан халкъ,

аьрха эса санна, къар ца ло.

Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хӀинца

шуьйрачу дежийлахь, уьстагӀий санна?

17 Эпрайман халкъ+ 4:17 *Эпрайман халкъ *– кхузахь а, дерриг а ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь а иза Исраилан къилбаседера пачхьалкх бохург ду.* цӀуйх дӀаийна даьлла:

бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!

18 ЧагӀар мелла бевлча,

нахаца леларна тӀе боьрзу уьш.

Шайн элаша лело сийсазалла

царна чӀогӀа ма деза.

19 Шен тӀемаш тӀехь мохо дӀахьур бу уьш,

юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу уьш,

шаьш цӀушна Ӏибадат дина дела».

5

Исраилан халкъан къинош а, цара хуьлуьйтург а

1 «ЛадогӀа дуьйцучуьнга, динан дай!

Тидам бе, Исраилан халкъан цӀийнах берш!

ДӀахаза, паччахьан цӀа!

Шун карахь ду нийсонца кхел яр –

иштта хӀара кхел шуна дуьхьал йийр ю,

МицӀпа-гӀалахь шух кӀело йина дела,

Табур-ломахь дӀасаяржийна бой санна шу хилла дела.

2 Шитимехь акхарой лоцу ор кӀорга аьхкина аша,

амма Аса шуна массарна а таӀзар дийр ду.

3 Эпрайман халкъ а девза Суна,

Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла.

ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла,

цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла.

4 Цара мел лелийначу вочу гӀуллакхаша

шайн Далла тӀе ца боьрзуьйту уьш.

Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла,

цундела Веза Эла царна ца вевзина.

5 Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до.

Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна.

ЯхӀудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.

6 Уьш сагӀина шайн уьстагӀий а, стерчий а дахьаш,

Веза Эла лаха арабевр бу,

амма Иза царна карор вац.

Иза царах дӀавирзина.

7 Цара къотӀалгӀа бераш а дина,

Везачу Элана ямартло йина.

Ткъа хӀинца деза денош долчу керлачу батто

шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш».

Исраилхоша а, яхӀудхоша а летийначу къиношна до таӀзар

8 «Коьман маӀаца дӀакхайкхаде ГебаӀ-гӀалахь,

турбанца дӀакхайкхаде Рама-гӀалахь,

орца даккха Байт-Аван-гӀалахь!

Бен-Яман, мостагӀа хьуна тӀаьхьа вогӀуш ву!

9 Дала таӀзар динначу дийнахь

Эпраймах яьсса аре хир ю.

Иштта Аса дӀакхайкхийнарг а

шеко йоцуш хир ма ду!

10 ЯхӀудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дӀасатоьттучарах.

Аса Сайн оьгӀазло, тӀехдаьлла хи санна, тӀеӀанор ю царна.

11 Эпрайм-мохк а кӀелбитина,

шена йинчу кхело охьатаӀийна иза,

цӀушна тӀаьххье цунна баха лиъна дела,

ткъа и цӀуш кхелли санна ма бу.

12 Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со,

ткъа ЯхӀудан халкъана мекха хир ю Сох.

13 Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а,

ЯхӀудана шена хилла чов дӀагиначу хенахь а,

Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина,

сийлахьчу паччахьна тӀе дехаре дахийтира.

Амма цуьнга шу цамгарх толур дац,

шун чевнна дарба а далур дац.

14 ХӀунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву,

ткъа ЯхӀудана къона лом санна хир ву.

Со, уьш цеста а цистина, дӀагӀур ву,

Аса уьш Сайца дӀахьур бу.

Цхьаммо а кӀелхьарбохур бац уьш.

15 Со Сайн метте дӀагӀур ву,

шаьш бехке хиларх а кхетта,

Сан юьхь цара схьалаххалц.

Хала киртиг шайна тӀехӀоьттича,

Со леха уьш арабевр ма бу».

6

Везачу Элана тӀедерзаре шалхо йолу кхайкхам

1 Наха иштта боху:

«Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай.

ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина –

Цо вайна дарба а дийр ду.

Цо йина вайна чевнаш –

Цо уьш дӀа а йоьхкур ю.

2 Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай,

кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду.

ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.

3 Веза Эла вовзий вайна.

Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай.

Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду.

Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна,

бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».

Исраилхоша а, яхӀудхоша а летийначу къиношна до таӀзар

4 Ткъа Везачу Эло боху:

«ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм?

ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ?

Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а,

хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.

5 Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора.

Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна.

Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю.

6- 6:6 Маттай 9:13; 12:7. Шу тешаме хилар деза ду Суна,

аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел.

Шуна Дела вовзийла лаьа Суна,

Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.

7 Адам-гӀала йолчохь санна+ 6:7 *Адам-гӀала йолчохь санна *– я иштта: *Адамо санна.*, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна,

цигахь ямартло йина цара Суна.

8 ГалӀад – Ӏесачийн гӀала ма ю.

Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю.

9 Динан дайн тоба тера ю

кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах.

Шехеме+ 6:9 *Шехеме *– Шехем-гӀала Далла гӀуллакх деш болу левихой беха меттиг яра.* боьдучу новкъахь адамаш дойу.

Цара боьха мел дерг леладо.

10 Инзаре ирча хӀума гина Суна

Исраилан халкъана юкъахь.

ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла,

цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.

11 Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина».

Везачу Элана Шен халкъана гӀо дан лаар а, халкъ Цуьнгахьара дӀадерзар а

«Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича,

7

1 Аса Исраил-махкана дарба лелийча,

Эпрайман халкъан къинош а,

Шамран-гӀалин зуламаш а гучудовлу.

ХӀунда аьлча цара харцонаш лелайо.

Къуй а бу лелаш.

Талорхой а бу гӀалин урамашкахь талораш деш.

2 Царна дага а ца догӀу

Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар.

Шаьш динчу зуламаша хӀинца го бина царна.

Церан къинош Суна хьалха ду.

3 Цара шайн зуламечу гӀуллакхашца паччахьан самукъадоккху,

ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо.

4 Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу.

Церан дералла, цӀиййинчу пешан цӀе санна, дуккха а ханна юьсу,

хьакхийна бод севсачу хенахь

бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а.

5 Вайн паччахьан дезачу дийнахь

чагӀар а муьйлий, элий бехий дӀахӀуьтту,

ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дӀакхийдадо.

6 Питанаш а деш, цунна тӀекхочу уьш.

Церан дегнаш пеш санна догу,

церан дералла сахиллалц сийсаш йогу,

ткъа Ӏуьйранна иза цӀеяьлла алу санна хуьлу.

7 Уьш массо а оьгӀазаллех кхехкаш бу.

Цара шайн куьйгалхой дӀакхоллу.

Церан массо а паччахьаш тӀекӀел охьаэгна,

ткъа цхьа а стаг Соьга гӀо доьхуш ца кхойкху».

Везачу Элана тӀедерзаран метта, Исраилан халкъ кхидолчу къаьмнашна тӀедерзар

8 «Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дӀаэделла.

Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.

9 Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дӀаоьцу,

ткъа цунна иза ца хаало.

Къежделла Эпрайман халкъ,

амма иза ца кхета.

10 Массо а и бохамаш адамашна тӀебаьхкина,

хӀетте а шайн Везачу Далла тӀе ца доьрзу уьш,

адамаша Цуьнга гӀо а ца доьху.

Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.

11 Эпрайман халкъ кхокханах тарделла,

иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду!

Цуьнан халкъо Мисар-махке гӀо доьху,

Ашур-махка гӀо деха а доьду иза.

12 Уьш тӀехбоьлхучу новкъахь Аса царна тӀе Сайн бой тосур ю.

Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу.

Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса+ 7:12 *Грекийн гочдар тӀехь: *Цара динчу зуламе хьаьжжина Аса таӀзар дийр ду царна.*».

Везачу Элана Шен халкъана гӀо дан лаар а, халкъ Цуьнгахьара дӀадерзар а

13 «Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела.

Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела.

Аса уьш кӀелхьарбохур бара,

ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура.

14 Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга,

амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу.

Шайн догӀмашкахь шаьш хеда а деш,

Соьга доьху цара шайна кӀа а, чагӀар а далар.

Ткъа и дарца Сох дӀабирзина уьш.

15 Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а,

Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.

16 Суна тӀеберзаран метта, гӀийлачу харцдалла тӀебоьрзу уьш.

Шен пхарца гӀокхана тӀе ца кхочу тешам боцу секхаӀад санна бу уьш.

Церан элий туьро хӀаллакбийр бу,

шайн кӀоршаме мотт бахьана долуш.

ТӀаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах».

8

Исраилан халкъо шена бина цӀуш бахьанехь цунна таӀзар дийр ду

1 «Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций!

Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета,

хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара,

Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.

2 Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду:

„Сан Дела! Хьо тхуна вевза.

Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ – бохуш.

3 Исраилан халкъ диканах дӀадирзина.

МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву.

4 Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора.

Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора.

Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара,

амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза.

5 Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса!

Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла.

Уьш мел латта бохку те,

цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш?

6 И цӀу а – Исраилан халкъо дина хӀума ду.

Иза суьрташ дечо ма вина,

цундела иза Дела ма вац.

Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!»

Кхечу къаьмнашца бинчу бартех лаьцна

7 «Шаьш-шайна мох кхиийна дела,

цара дарц лахьор ду.

Кенаш доцучу кӀенах

ялта кхуьур дац.

Нагахь санна ялта кхиънехьара,

хийрачу наха иза дӀакхоллур дара.

8 Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира.

Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира.

9 Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара.

Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна,

Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.

10 Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а,

Аса уьш кестта схьагулбийр бу.

ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу

сийлахьчу паччахьан куьйгех.

11 Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина,

амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.

12 Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна,

амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.

13 Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий,

оцу дийнатийн жижиг доу цара.

Везачу Элана тамехь дац иза.

Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн,

цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду:

уьш Мисар-махка юхаберзор бу».

Исраилан халкъо Веза Эла вицвар

14 «Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна,

ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина.

Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю,

ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю».

9

Кхечу къаьмнашца бинчу бартех лаьцна

1 Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна,

хазахетар тӀехдолуьйтуш доккха ма де.

Хьайн Делах дӀа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора.

Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара

кӀа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь.

2 Хьаьттаро а, муттдоккхурго а

исраилхой бузор ма бац.

Кемсийн мутт царна тоьар ма дац.

3 Уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь бехар бац:

эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу,

цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.

4 Цара Везачу Элана чагӀаран сагӀа дуттур дац.

Иза резавархьама, дийнатийн сагӀанаш даха церан таро хир яц.

Церан бепиг Везачу Элан цӀа чу дахьа таро йоцу Дела,

иза Далла хьалха боьха хир ду,

и бепиг церан гайна бен кхача хир бац.

И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу,

тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.

Исраилан халкъо шена бина цӀуш бахьанехь цунна таӀзар дийр ду

5 ХӀун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а,

Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а?

6 Бохам болчуьра исраилхой дӀагӀахь а,

уьш Мисар-махко схьагулбийр бу.

Нуп-гӀалин лаьттахь дӀабухкур бу уьш.

Ниттийн дола евр ю церан детин хӀуманаш.

Коканийн кӀохцалш девр ду церан цӀенош тӀехь.

7- 9:7 Лака 21:22. Дала таӀзар дийр долу денош тӀекхаьчна,

Везачу Эло хьакъ дерг дӀалур долу денош тӀекхаьчна.

ДӀахоийла иза Исраилан халкъана!

Бетал-гӀалахь летийна къинош

«ХӀара пайхамар сонта ву, – боху цара –

Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву».

Делахь а шун мостагӀалла алсамдаьлла,

аша дукха къинош летийна дела.

8 Пайхамар сан Далла уллохь ву,

ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду.

Олхазарш лецархочун речӀанаш массо а некъаш тӀехь дӀахӀиттийна ю,

ткъа мостагӀалла ур-атталла цуьнан Делан цӀа чохь а ду.

ГебаӀ-гӀалахь летийна къинош

9- 9:9 Куьйгалхой 19:1-30. Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара,

ГебаӀ-гӀалахь хиллачу деношкахь санна+ 9:9 *ГебаӀ-гӀалахь Бен-Яманан тайпанах болчу цхьаболчу исраилхоша левихойн гӀарбаш-зуда хьийзийра. Иза бахьана долуш исраилхой вовшашца тӀом бан буьйлабелира. Цундела дуккха а бен-яманхой белира. ДӀадеша «Куьйгалхой» цӀе йолчу тептаран 19–21 кортош.*.

Далла дагадогӀур ду церан къинош.

Церан къинош бахьана долуш, царна таӀзар дийр ду.

БаӀал-ПаӀор-гӀалахь летийна къинош

10- 9:10 Лелар 25:1-5. Везачу Эло боху:

«Суна Исраилан халкъ схьакарийча,

яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза.

Суна шун дай гича,

инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза.

Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча,

сийсаза долчунна юкъаозабелира.

Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.

11 ТӀемадаьлла олхазар санна,

дӀадовр ду эпраймхойн сийлалла:

дуьнен чу бер а дер дац,

зуда берах а хир яц,

церан кийрахь бераш а кхуллур дац.

12 Цара шайн бераш кхиадахь а,

Аса уьш цаьргара схьадохур ду.

Ма доккха къа хир ду-кх церан

Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!

13 Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна,

исбаьхьачу меттигехь дӀайийна къона хурма санна,

ткъа хӀинца цо шен бераш арадаха деза,

уьш дайъийтархьама.

14 Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна!

Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь?

Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а,

дакъаделла накхош а».

Галгал-гӀалахь летийна къинош

15 Везачу Эло боху:

«Цара мел деш долу зулам Галгал-гӀалахь долийнера.

Суна циггахь ца дезаделира и халкъ.

Цуьнан зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш,

Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду.

Суна иза кхин дезар дац.

Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу.

16 Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду:

цуьнан орам бакъабелла,

цо кхин стом лур бац.

Ур-атталла цара бераш дахь а,

церан кийрара схьадевлларш хӀаллакдийр ду Аса,

мел хьоме уьш царна делахь а».

17 Сан Дала дӀатоттур ду и халкъ,

цо Шега ла ца доьгӀна дела.

Къаьмнашна юкъахь кхерсташ,

доладелла лелар ду иза.

10

1 Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара,

рогӀ-рогӀехь стом луш долу.

Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра,

цӀушна сагӀа доккху меттигаш а алссам кечйора цо.

Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра,

кхечу деланашна хӀиттийна тӀулгаш а алссам хаздора цо.

2 Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду,

церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду.

Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю,

церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.

3 Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду:

«Вайн паччахь вац,

Везачу Элах вай ца кхийрина дела.

Паччахьо а хӀун дийр дара вайна?»

4 Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до,

харц а луьйш, чӀагӀонаш а йо,

пайда боцуш болу барташ а бо.

Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо,

аренан хершнаш тӀе йолу дӀаьвше буц санна.

Байт-Аванехь летийна къинош

5 Шамран-гӀалин бахархой Ӏадор бу,

Байт-Аванехь волу эса-цӀу+ 10:5 *Эса-цӀу *– ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «эсий» ду. Дукхадолчу ширачу гочдаршна тӀехь «эса» ду.* бахьана долуш.

Цуьнан халкъ цунна тийжар ду,

цунах баккхийбина болу харцдинан дай,

цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу,

и сийлалла халкъера дӀаер йолу дела.

6 Цул сов, и эса-цӀу Ашур-махка дӀахьур ву

сийлахьчу паччахьна совгӀатна.

Эпрайман халкъ а юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир ду.

Исраилан халкъана шена, дечиган цӀу бахьана долуш, эхь хетар ду.

7 Шамран-гӀалара паччахь вовр ву,

хина тӀехула хӀутту маргӀал санна.

8- 10:8 Лака 23:30; Довзийтинарг 6:16. ХӀаллакйина хир ю Авайнан

сагӀа доккху лакхенаш –

Исраилан халкъан къинош.

СагӀа доккхучу церан меттигаш тӀе

кӀохцалш а, яраш а евр ю.

ТӀаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДӀахьулдейша тхо!»

Баьрзнашка а доьхур ду: «ТӀеэгийша тхуна!» – бохуш.

ГебаӀ-гӀалахь летийна къинош

9- 10:9 Куьйгалхой 19:1-30.

Везачу Эло боху:

«ГебаӀ-гӀалахь леточу хенахь дуьйна

ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ.

Къинош леточуьра ца севци уьш,

ГебаӀ-гӀалахь тӀом тӀекхочур бу царна

сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал.

10 Аса сацам бира царна таӀзар дан.

Къаьмнаш царна дуьхьал а девр ду,

цара исраилхой боьхкур а бу,

цара дина шалха зуламаш бахьана долуш».

Бетал-гӀалахь летийна къинош

11 «Эпрайман халкъ караӀамийна дуьхьарг санна дара,

ялта арарх доккхадеш долу.

Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина.

Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тӀедуьллур ду,

ЯхӀудан халкъо охана дан деза,

Исраилан+ 10:11 *Исраил *– ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «Якъуб» дӀаяздина ду. Иза Исраилан кхин цӀе ю.* халкъо мекха баккха беза.

12- 10:12 Ярми-ЯхӀу 4:3. Шайн дегнаш чу нийсонан хӀу таса,

тӀаккха безаман ялта кхуьур ду шуна.

Керла латтанаш а дӀааха,

хӀунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тӀееана.

Ша веанчу дийнахь шуна тӀе

нийсо, догӀа санна, Цо тӀеӀанор ю.

13 Аша харцдолчун хӀу а тосура,

зуламан ялта а хьокхура,

мекарлонан стом а боура.

Шаьш дӀакхоьхьучу некъах шу тешарна а,

шайн шортта болчу тӀемалойх шу тешарна а,

14 тӀеман гӀовгӀа ер ю хьан халкъана дуьхьал,

хьан массо а чӀагӀонаш йохийна хир ю,

тӀеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гӀала йохийча санна,

шайн берашца наной хьаьшначу хенахь.

15 Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой,

барам боцуш аша летийначу къиношна.

11

1- 11:1 Арадаккхар 4:22; Маттай 2:15. ТӀом болабелча, воьхна хьийзар ву

Исраилан халкъан паччахь!»

Везачу Эло юхаметтахӀоттор ду Исраилан халкъ

«Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ.

Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.

2 Со+ 11:2 *Ӏебархойн маттахь: *Уьш. *Грекийн гочдар тӀехь: *Со.* цаьрга мел кхойкху,

уьш Суна генабовлура.

Цара БаӀал-деланашна сагӀанаш а дохура,

цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

3 Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта.

Сайн карахь лелабора Ас уьш.

Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар

къобалдан ца лаьара царна.

4 Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора,

безаман машшашца Аса уьш лелабора.

Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса.

Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.

5 Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те,

Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те,

Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?

6 Церан гӀаланашна тӀе тур кхетар ду,

кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро,

нах а дӀакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.

7 Сан халкъ тешнабехк барна тӀедирзина.

Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а,

Иза баккъалла а ваз ца во цара.

8- 11:8 Карлабаьккхинарг 29:23. Муха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ?

Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ?

Удам-гӀалина диннарг дийр ду те Аса хьуна?

Я Цхьабайма-гӀалина диннарг дийр ду те?

Сан дог меттахдаьлла,

мел болу къинхетам самабаьлла.

9 ХӀан-хӀа, Сайн оьгӀазе дералла кхочушйийр яц Аса,

Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хӀаллакдийр дац.

Со – Дела ма ву, Со адам ма дац.

Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву!

Дераллица вогӀур вац Со.

10 Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу.

Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду.

ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу

Цунна тӀе малхбузера кӀентий.

11 Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш,

Мисар-махкара, схьадогӀу олхазарш санна,

Ашур-махкара, схьадогӀу кхокхарчий санна.

Ткъа Аса уьш шайн-шайн цӀеношка охьаховшор бу».

Иштта боху Везачу Эло.

Къинош а, царах долу таӀзарш а

12 «Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна.

Ткъа исраилхоша – мекарлонца бина.

ЯхӀудан халкъ хӀинца а Делаца лелаш ду,

Везачуьнца иза тешаме ду.

12

1 Эпрайман халкъ мох бажош ду,

дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза.

Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо.

Ашур-махкаца барт а бо цо,

Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».

2 Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху.

Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо,

церан некъашка хьаьжжина.

Царна дан догӀург а дийр ду Цо,

церан гӀуллакхашка хьаьжжина.

3- 12:3 Доладалар 25:26. - 12:3, 4 Доладалар 32:24-26. Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба.

Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.

4- 12:4 Доладалар 28:10-22. Маликах а летта, кӀел ца висира Якъуб.

Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо.

Беталахь иза карийра Далла,

цигахь цуьнга+ 12:4 *Грекийн гочдар тӀехь: *цуьнга. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *тхоьга.* къамел дира Цо.

5 Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара,

цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.

6 Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш,

шайн Далла тӀедерзийша!

Безамца лелийша, нийсо лелаейша,

шайн Деле даим сатийсийша!

7 Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца

нах лебеш хазахеташ ву.

8 Эпраймхоша а шаьш хестабо:

«Вай дукха дика даха хевшина,

вай шортта бахам гулбина.

Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац

вай лелийначу къилахь долчунна», – бохуш.

Веза Эла – КӀелхьардохург хилар

9- 12:9 Ӏамалъяр 23:42, 43. «Амма Со шун Веза Дела ву,

Мисар-махкара шу арадаьхна волу.

Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу,

яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.

10 Со пайхамаршка вистхуьлура.

Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура,

пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».

Веза Эла – Дела хилар

11 ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй?

Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац.

Галгал-гӀалахь наха эсий дойу.

Церан сагӀа доккху меттигаш

кхен хершнашкахь гулдинчу

тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.

12- 12:12 Доладалар 29:1-20. Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера.

Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора,

зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.

13- 12:13 Арадаккхар 12:50, 51. Амма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца

исраилхой Мисар-махкара арабехира.

Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.

14 Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина.

Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо.

Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.

13

1 Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора.

И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь.

Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча,

иза бехке а хилира, дала а делира.

2 Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху.

Цара шайна лалийна цӀуш бо.

Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш,

ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц.

Оцу нахах олуш ма ду:

«Эсашна сагӀанаш дохучу наха

эсашна барташ боху!»

3 И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а,

хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу,

хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а,

биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.

Веза Эла – КӀелхьардохург хилар

4 Везачу Эло боху:

«Амма Со шун Веза Дела ву,

Мисар-махкара шу арадаьхна волу.

Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта.

Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.

5- 13:5, 6 Карлабаьккхинарг 8:11-17. Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг+ 13:5 *Шуна уллохь хилларг *– Грекийн гочдар тӀехь: *шу кхаьбнарг.* Со ма вара,

къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.

6 Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара.

Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура.

Цундела цара Со вицвора.

7 И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна.

Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.

8 КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна.

Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса.

Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса.

Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».

Къинош а, царах схьадолу таӀзарш а

9 «Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ.

ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна?+ 13:9 *Иштта грекийн гочдар тӀехь ду. Ӏебархойн тептар тӀехь: *Цо хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ, хьан гӀо Соьгахь ма ду.*

10- 13:10 Шамъал 8:5, 6. Мичахь ву хьан паччахь хӀинца?

Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те?

Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу?

Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“

11- 13:11 а: Шамъал 10:17-24; б: Шамъал 15:26. Аса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь,

ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.

12 Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю,

цуьнан къинош дӀадехкина ду.

13 Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна.

Иза хьекъал доцу кӀант ву.

Дуьнен чу вала хан тӀееача,

ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.

14- 13:14 1 Коринтхошка 15:55. Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те?

Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те?

Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш?

Эхарт, мичахь бу хьан бохам?

Айса динчунна Со дохковер вац!

15 Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а,

малхбалера онда мох схьахьоькхур бу.

Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу.

Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду,

цуьнан хьоста а лекъар ду.

Оцу мохо талхор ду

сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.

14

1 Шамран-гӀалане жоп доьхур ду,

иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела.

Шамранхой туьро эгор бу.

Церан бераш хьоьшур ду,

берах болу зударий а цоьстур бу».

Везачу Эло юхаметтахӀоттор ду Исраилан халкъ

2 Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе!

Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.

3 Шайца хӀара дешнаш схьа а эций,

Везачу Элана юхадерзийша.

Иштта алийша Цуьнга:

«Гечдехьа тхан массо а къиношна,

тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа,

ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.

4 Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац.

ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац.

Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“,

хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».

5 Везачу Эло иштта боху:

«Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса.

Сайн лаамца безалур бу Суна уьш,

Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.

6 Исраилан халкъана тхи хилла дӀахӀуттур ву Со.

Цо заза доккхур ду, петӀамат-зезаго санна.

Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.

7 Цуьнан зӀийдагаш дӀасаяьржар ю.

Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла.

Ливанунан баганан диттах йогӀург санна,

хаза хьожа йогӀур ю цунах.

8 Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш.

КӀа санна, денлур бу уьш,

кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу,

Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.

9 Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу?

Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву,

Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву,

сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со,

Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».

Чаккхе

10 Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета?

Мила ву кхетам болуш хӀара дерриг а хаа?

Везачу Элан некъаш нийса ду.

Делаца берш оцу некъашца лела,

ткъа аьрха нах царна тӀе оьгур бу.