Ӏебархошка

яздина кехат

Дешхьалхе

Шайна еш йолу дуьхьало алсамъяларна, Ӏийсах тешарх дӀакъаста дагахь йолчу цхьана динан тобане хьажийна дара Ӏебархошка яздина кехат . Яздархочо уьш церан тешарехь иракарахӀиттабо, Дала леррина къобалвина Ӏийса бакъдолу а, тӀаьххьара а Дала гучудаьккхинарг дуй чӀагӀ а деш. Цо дуьйцуш кхо бакъдерг ду: 1) Ӏийса Делан даим вехаш волу КӀант ву. Ша лайначу баланашкахула стигаларчу Дена муьтӀахь хила Ӏемира Иза. Делан КӀант хилча, хьалхарчу бертан+ 1:1 *Хьалхара барт *– Дала Исраилан халкъаца дуьххьара бина барт.* пайхамарел а, маликел а, Мусал шел а лакхара ву Ӏийса. 2) Дала билгалдаьккхира, Ӏийса массо а ханна динан да ву аьлла. Цундела Иза хьалха бинчу бертан динан дел лакхара ву. 3) Ӏийса бахьана долуш, Цунах тешаш верг къинах а, кхерарх а, валарх а кӀелхьарваьккхина ву. Ткъа динан коьрта да волчу Ӏийсас бакъдолу кӀелхьардаккхар ло. Ӏебархойн динан гӀиллакхаш а, дийнатийн сагӀанаш а бакъдолчун ӀиндагӀ бен дацара.

Исраилхойн исторехь хиллачу цхьаболчу цӀеяханчу нехан тешаран масалш тӀе а тухуш (11-гӀа корта), яздархочо иракарахӀиттабо дешархой, кхидӀа а тешаме хилийтархьама. Ӏийсага а хьоьжуш, тешаме хила безаш бу уьш, шайна тӀехь мел болу баланаш а, Ӏазапаш а ловш, чаккхе тӀеяллалц. Тептаран чаккхенехь цхьаболу хьехамаш а, дӀахьедарш а ду.

1

Шен КӀантехула долу Делан дош

1 Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула, 2 ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина. 3 КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.

Делан КӀант маликел а лакхара ву

4 Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза. 5- 1:5 а: Забур 2:7; б: Дауд 7:14; 1 Шерашкахь 17:13. ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала:

«Хьо Сан КӀант ву,

тахана Хьан Да хили Сох»?

Кхин а:

«Со Цуьнан Да хир ву,

Иза Сан КӀант а хир ву?»

6- 1:6 Карлабаьккхинарг 32:43 (Грекийн). Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира:

«Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».

7- 1:7 Забур 103:4 (Грекийн). Маликех лаьцна Цо аьлла:

«Дала Ӏаьнарх Шен маликаш до,

цӀеран алунех Шен ялхой бо».

8- 1:8, 9: Забур 44:6, 7. КӀантах лаьцна Цо аьлла:

«Хьан олаллин гӀант, Дела, абаденналц лаьтта,

Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.

9 Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна,

цундела Дала, Хьан Дала,

къобалвеш тӀедутту даьтта санна,

Хьан накъосташна чул

Хьуна алсам хазахетар делла».

10- 1:10-12 Забур 101:26-28 (Грекийн). Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина,

Хьайн куьйгашца стигалш йина.

11 Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву.

Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.

12 ТӀеюху хӀума санна, Ахьа дӀахьарчор ду уьш,

тӀаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду.

Амма Хьо цкъа а хийцалур вац,

Хьан дахар чекх а дер дац».

13- 1:13 Забур 109:1. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала:

«Охьахаа Суна аьтту агӀор,

Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?

14 Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?

2

Сийлахь кӀелхьардовлар

1 Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама. 2 Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча, 3 таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира. 4 И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.

КӀелхьардовларан баьчча

5 Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне. 6- 2:6-8 Забур 8:5-7. Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина:

«Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?

Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?

7 Цхьана ханна маликашна хьалха лахви Ахьа иза.

Юха, сийлаллин таж а делла, вазвина иза+ 2:7 *...вазвина иза *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *Айхьа диначунна тӀехь куьйгалла дан хӀоттий иза.*.

8 Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа».

Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар. 9 Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама. 10 ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.

11 Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала. 12- 2:12 Забур 21:23. Цо боху:

«Хьан цӀе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса,

Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».

13- 2:13 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 8:17 (Грекийн); б: ЕшаӀ-ЯхӀу 8:18. Кхин а боху Цо:

«Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву».

Кхин а:

«ХӀара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».

14 И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а, 15 Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а. 16- 2:16 ЕшаӀ-ЯхӀу 41:8, 9. ХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до. 17 Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. 18 Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.

3

Ӏийса Мусал а сийлахь ву

1 Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш. 2- 3:2 Лелар 12:7. Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара. 3 Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара. 4 ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву. 5 Делан дерриге а цӀийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо. 6 Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.

Делан синтем

7- 3:7-11 Забур 94:7-11 (Грекийн). Цундела, Делан Сино ма-аллара:

«Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,

8 дуьхьал ма довлалаш,

яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара.

9 Шун дайша Со зийра цигахь,

шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.

10 Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира:

„Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш,

Сан некъаш ца девзина царна“.

11 Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,

синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».

12 Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама. 13 Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта. 14 Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.

15- 3:15 Забур 94:7, 8 (Грекийн). Делан Йозанашкахь аьлла ду:

«Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,

дуьхьал ма довлалаш,

яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара».

16- 3:16-18 Лелар 14:1-35. Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш? 17 Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз? 18 Ла ца доьгӀначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? 19 Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.

4

1 Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта. 2 Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо. 3- 4:3 Забур 94:11. Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла:

«Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира,

синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».

Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. 4- 4:4 Доладалар 2:2. Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла:

«Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».

5- 4:5 Забур 94:11. Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш». 6 Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна. 7- 4:7 Забур 94:7, 8 (Грекийн). Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара:

«Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь,

дуьхьал ма довлалаш».

8- 4:8 Карлабаьккхинарг 31:7; ЮшаӀ 22:4. Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара. 9 Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу. 10- 4:10 Доладалар 2:2. ХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара. 11 Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.

12 Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. 13 Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.

Ӏийса динан сийлахь коьрта Да ву

14 Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. 15 ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. 16 Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.

5

1 Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а. 2 Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь. 3- 5:3 Ӏамалъяр 9:7. Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх. 4- 5:4 Арадаккхар 28:1. Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.

5- 5:5 Забур 2:7. Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга:

«Хьо Сан КӀант ву,

тахана Хьан Да хили Сох».

6- 5:6 Забур 109:4. Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху:

«Гуттаренна а динан да ву Хьо

Малки-ЦӀадакъин даржехь».

7- 5:7 Маттай 26:36-46; Марк 14:32-42; Лака 22:39-46. Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара. 8 Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила. 9 Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а. 10 Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.

Динах юхаваларх ларвалар

11 Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета. 12- 5:12, 13 1 Коринтхошка 3:2. ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта. 13 ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела. 14 Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.

6

1 Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай. 3 Вай иза дийр ду, Дала вайна магийтахь.

4 Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тӀе кхеттарш, стигаларчу совгӀатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, 5 Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, 6 тешарх дӀа а къаьстина, юха а Далла тӀеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тӀе цхьаьнгге а бхалур бац, хӀунда аьлча цара юха а жӀарах дӀатуху Делан КӀант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш.

7 Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. 8- 6:8 Доладалар 3:17, 18. Ткъа баьӀаш а, къух а бен шена тӀехь ца кхуьу латта Дала неӀалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цӀаро дагор ду.

9 Иштта оха бахахь а, сан хьоменаш, тхо тешна ду шу дикачу новкъахь хиларх – и некъ кӀелхьардовларна тӀебоьду. 10 ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а. 11 Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама. 12 Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.

Делан ваӀданаш хийцалург цахилар

13 ИбрахӀимна Ша ваӀда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. 14- 6:14 Доладалар 22:16, 17. Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тӀаьхье а лур ю». 15 Собарца хьоьжуш а Ӏийна, Дала шена лур ду аьлларг схьаийцира ИбрахӀима. 16 Наха шайл а доккхачу хӀуманах дуй боу, цу дуйно, аьлларг чӀагӀ а дой, муьлхха а къовсам дӀабоккху. 17 Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваӀда динарг кхочун долчарна дӀахаийта лууш. 18 Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама. 19- 6:19 Ӏамалъяр 16:2. И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зӀе ю. Делан стигалийн цӀа чохь йолчу кирхьанна тӀехьа дӀайоьду иза. 20- 6:20 Забур 109:4. Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.

7

Веза Воккхачу Делан динан да Малки-ЦӀадакъа

1- 7:1, 2 Доладалар 14:17-20. Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас. 2 Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду. 3 Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.

4 Шуна го, шен тоьллачу хӀонсах уьтталгӀа дакъа ИбрахӀима делларг мел сийлахь ву. 5- 7:5 Лелар 18:21. Левин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. 6 Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира. 7 Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан. 8 УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла. 9 Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла. 10 ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.

11 Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш? 12 Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу. 13 Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла. 14 Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.

Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан да

15 Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча. 16 Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. 17- 7:17 Забур 109:4. ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла:

«Гуттаренна а динан да ву Хьо

Малки-ЦӀадакъин даржехь».

18 Цхьана агӀор хьалха тӀедиллина хилла парз дӀадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна, 19 (Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.

20 Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а, 21- 7:21 Забур 109:4. Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча:

«Везачу Эло чӀагӀо йина,

ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза:

„Гуттаренна а динан да ву Хьо“».

22 Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.

23 Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга. 24 Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду. 25 Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.

26 Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. 27- 7:27 Ӏамалъяр 9:7. Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла. 28 Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.

8

Вайн динан коьрта Да волу Ӏийса

1- 8:1 Забур 109:1. Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн. 2 Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза.

3 Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагӀанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагӀина схьадан хӀума. 4 ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай. 5- 8:5 Арадаккхар 25:40. Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу+ 8:5 *...кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу *– я иштта: *Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу гӀирсашца бен ца хуьлу. Уьш стигалахь долчун кепах тера бен дац, церан ӀиндагӀ бен дац.*. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а». 6 Кхечу динан дайшка деллачул а Ӏийсага делла динан гӀуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гӀолехь бу, иза тоьллачу чӀагӀонашна тӀехӀоттийна болу дела.

7 Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгӀаниг оьшур а бацара. 8- 8:8-12 Ярми-ЯхӀу 31:31-34 (Грекийн). Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху:

«ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, –

Аса Исраилан цӀийнаца а,

ЯхӀудан цӀийнаца а

керла барт бен долу.

9 Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь,

Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза.

ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира,

цундела со дӀавирзина царна тӀера, – боху Везачу Эло.

10 Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца,

хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. –

Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду,

церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса.

Со церан Дела хир ву,

ткъа царах Сан халкъ хир ду.

11 ХӀораммо а шен уллорачунна а,

шен вешина а хьоьхур дац:

„Веза Эла вовза“, – бохуш.

ХӀунда аьлча массарна а,

хьалдолчунна тӀера

къечунна тӀекхаччалц,

Со вевзар ву.

12 Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву,

церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».

13 Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.

9

Лаьтта тӀехь а, стигалахь а Далла Ӏамалъяр

1 Хьалха бинчу бертан Далла Ӏамалъяран бакъонаш а, лаьтта тӀехь долу Делан цӀа а дара. 2- 9:2 а: Арадаккхар 26:1-30; б: Арадаккхар 25:31-40; ц: Арадаккхар 25:23-30. Дина, дӀахӀоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тӀехь долу стол а яра. 3- 9:3 Арадаккхар 26:31-33. ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра. 4- 9:4 а: Арадаккхар 30:1-6; б: Арадаккхар 25:10-16; ц: Арадаккхар 16:33; д: Лелар 17:8-10; э: Арадаккхар 25:16; Карлабаьккхинарг 10:3-5. Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра. 5- 9:5 Арадаккхар 25:18-22. ТӀорказна тӀехула тӀемаш а даржийна, къинош дӀадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХӀинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн. 6- 9:6 Лелар 18:2-6. Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цӀа чу Далла Ӏамал ян динан дай боьлху гуттар а. 7- 9:7 Ӏамалъяр 16:2-34. ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу. 8 Цу хӀуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду. 9 И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло, 10 уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегӀан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хӀума нисдаран зама тӀеяллалц, тӀедиллина дара.

11 Дала леррина Къобалвинарг веара, хӀинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац). 12 Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо. 13- 9:13 а: Ӏамалъяр 16:15, 16; б: Лелар 19:9, 17-19. Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча, 14 цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.

15 Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.

16 Нагахь весет+ 9:16 *Весет *– Грекийн маттахь «барт» а, «весет» а бохучу дешнийн маьӀнехь лелаш цхьа дош бен дац.* делахь, иза диначун кхалхар а дӀагайта дезаш ду, 17 хӀунда аьлча весет стаг веллачул тӀаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь. 18 Цундела хьалха бина барт а цӀийца чӀагӀбина бара. 19- 9:19, 20 Арадаккхар 24:6-8. Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас. 20 Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цӀий ду хӀара». 21- 9:21 Ӏамалъяр 8:15. Иштта Делан четарна а, Далла Ӏамал ечу хенахь мел лелочу пхьегӀашна а тӀе цӀийн цинцаш туьйхира цо. 22- 9:22 Ӏамалъяр 17:11. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хӀума цӀийца цӀандеш ду, цӀий ца Ӏанийча, гечдар ца хуьлу.

Дала леррина Къобалвинчун сагӀано къа дӀадоккху

23 Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цӀандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хӀокхарал а тоьллачу сагӀанашца цӀандан деза. 24 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта. 25 Дукхазза а Ша сагӀина дӀавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хӀора шарахь а шен доцу цӀий а оьций, Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна. 26 Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха. 27 ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара, 28- 9:28 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:12. иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.

10

Ӏийсас даьккхина долу цхьа сагӀа гуттаренна а хилар

1 Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу. 2 Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна. 3 Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту. 4 ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.

5- 10:5-7 Забур 39:7-9 (Грекийн). Цундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира:

«СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна,

амма Суна дегӀ кечди Ахьа.

6 Дийнаташ дагоран а,

къинойх долу а сагӀанаш ца тайна Хьуна.

7 ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву,

товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.

Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».

8 Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагӀанаш а, совгӀаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тӀедуьллуш делахь а). 9 Цул тӀаьхьа Цо тӀетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со». Хьалхарниг дӀадоккху Цо шолгӀаниг чӀагӀдархьама. 10 Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.

11- 10:11 Арадаккхар 29:38. Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш. 12- 10:12, 13 Забур 109:1. Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна+ 10:12 *Я иштта: *Ткъа Иза, къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна гуттаренна а.*, 13 Шен когашка Шен мостагӀий Дала охьабахккалц, хьоьжуш. 14 Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш.

15 Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:

16- 10:16 Ярми-ЯхӀу 31:33. «Иштта барт бийр бу Аса цаьрца,

хӀара денош дӀадевлча, – боху Везачу Эло. –

Айса тӀедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду,

церан кортош тӀехь яздийр ду Аса».

17- 10:17 Ярми-ЯхӀу 31:34. ТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса». 18 Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагӀанаш даха кхин ца оьшу.

Далла гергакхача дезар

19 Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн. 20 Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу. 21 Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн. 22- 10:22 Ӏамалъяр 8:30; Яхьазкхиал 36:25. ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина. 23 Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву. 24 Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гӀуллакхашна а ваьш иракара а хӀиттош. 25 Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.

26 Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн. 27- 10:27 ЕшаӀ-ЯхӀу 26:11 (Грекийн). Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар. 28- 10:28 Карлабаьккхинарг 17:6; 19:15. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь. 29- 10:29 Арадаккхар 24:8. Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна? 30- 10:30 а: Карлабаьккхинарг 32:35; б: Карлабаьккхинарг 32:36. Вайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла:

«Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду».

Кхин а:

«Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».

31 Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар!

32 Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира. 33 ЦкъаццӀа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дӀахӀиттош хилла. ЦкъаццӀа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу. 34 Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла. 35 Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду. 36 Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. 37- 10:37, 38 Хьабукъа 2:3, 4 (Грекийн). ХӀунда аьлча:

«Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц,

тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву –

иза хьелур вац.

38 Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву,

ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».

39 Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.

11

Тешарх лаьцна

1 Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду. 2 Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш.

3- 11:3 Доладалар 1:1; Забур 32:6, 9; Яхьъя 1:3. Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.

4- 11:4 Доладалар 4:3-10. Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.

5- 11:5 Доладалар 5:21-24 (Грекийн). Тешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша. 6 Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.

7- 11:7 Доладалар 6:13-22. Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.

8- 11:8 Доладалар 12:1-5. Тешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза. 9- 11:9 Доладалар 35:27. Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тӀехь Ӏийна иза, тӀевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Ӏийна иза, цуьнца цхьатерра ваӀданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Ӏарра. 10 Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.

11- 11:11 Доладалар 18:11-14; 21:2. Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима+ 11:11 *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *Тешар хиларна, доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна йоккха йоллушехь, бер даран хьуьнар тӀеийцира Сарата.*, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла. 12- 11:12 Доладалар 15:5; 22:17; 32:12. Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах.

13- 11:13 Доладалар 23:4; 1 Шерашкахь 29:15; Забур 38:13. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь. 14 Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту. 15 Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза. 16 Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу – стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.

17- 11:17 Доладалар 22:1-14. Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза. 18- 11:18 Доладалар 21:12. Цу кӀантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тӀаьхье». 19 ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.

20- 11:20 Доладалар 27:27-29, 39, 40. Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Ӏесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина.

21- 11:21 а: Доладалар 48:1-20; б: Доладалар 47:31 (Грекийн). Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо.

22- 11:22 Доладалар 50:24, 25; Арадаккхар 13:19. Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьӀахкех весет а дира.

23- 11:23 а: Арадаккхар 2:2; б: Арадаккхар 1:22. Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш.

24- 11:24 Арадаккхар 2:10-12. Тешар хиларна, ша воккха хилча, пирӀунан йоӀан кӀант ву ала дуьхьал хилира Муса. 25 Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул. 26 Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.

27 Тешар хиларна, Мисар-мохк дӀатесна цо, паччахьан оьгӀазаллех а ца кхоьруш, хӀунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза. 28- 11:28 Арадаккхар 12:21-30. Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта.

29- 11:29 Арадаккхар 14:21-31. Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.

30- 11:30 ЮшаӀ 6:12-21. Тешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча. 31- 11:31 а: ЮшаӀ 6:22-25; б: ЮшаӀ 2:1-21. Тешар хиларна, Далла муьтӀахь боцучу кхечу нахаца хӀаллак ца хилира гӀалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тӀелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб.

32- 11:32 а: Куьйгалхой 6:11–8:32; б: Куьйгалхой 4:6–5:31; ц: Куьйгалхой 13:2–16:31; д: Куьйгалхой 11:1–12:7; э: Шамъал 16:1 – Сулим 2:11; ф: Шамъал 1:1–25:1. Кхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца. 33- 11:33 Даниал 6:1-27. Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш, 34 буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш. 35- 11:35 Сулим 17:17-24. Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла.

Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама. 36- 11:36 Сулим 22:26, 27; 2 Шерашкахь 18:25, 26; Ярми-ЯхӀу 20:2; 37:15; 38:6. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тӀехь. 37- 11:37 2 Шерашкахь 24:21. Царна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш. 38 Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара.

39 Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара. 40 Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.

12

Дела Да ву

1 Цундела, гонах тешийн бӀо хиларна, ваьшна тӀера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дӀадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дӀадовдийла вай, 2 тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.

3 Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а. 4 Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а. 5- 12:5, 6 Аюб 5:17; Кицанаш 3:11, 12 (Грекийн). Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна?

«Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила,

Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.

6 ХӀунда аьлча Шена везаш верг, таӀзар а деш, нисво Везачу Эло.

Ша тӀеоьцуш волчу кӀантана етта а етта Цо».

7 Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй? 8 Ткъа массо а кӀантана деш долу таӀзар шуна деш дацахь, шу кӀентий дац, шу къотӀалгӀадина бераш ду. 9 Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? 10 Вукхара шайна дика хетачу агӀор кӀезигчу ханна таӀзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. 11 Карарчу хенахь муьлххачу а таӀзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тӀаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу.

Хьехамаш а, лардарш а

12- 12:12 ЕшаӀ-ЯхӀу 35:3 (Грекийн). Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чӀагӀъе шайн малъелла голаш. 13- 12:13 Кицанаш 4:26 (Грекийн). Нийсачу новкъахула лела, астагӀа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта.

14 Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цӀена хила хьовса. ЦӀеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац. 15- 12:15 Карлабаьккхинарг 29:18 (Грекийн). Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта». 16- 12:16 Доладалар 25:29-34. Шуна юкъахь, боьха хӀуманаш лелош а, Ӏесаваьлла а стаг ца хилийта, Ӏесав санна, цкъа юучу хӀуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀалуш. 17- 12:17 Доладалар 27:30-40. Шуна хаьа, цул тӀаьхьа Ӏесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дӀатесна хилира. Цуьнга хӀумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а.

18- 12:18, 19 Арадаккхар 19:16-22; 20:18-21; Карлабаьккхинарг 4:11, 12; 5:22-27. Шу герга ца даьхкина куьг Ӏоттал уллохь болчу а, цӀе летта богучу а ламанна а, Ӏаьржачу боданна а, чӀогӀачу махана а, 19 локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш. 20- 12:20 Арадаккхар 19:12, 13. ХӀунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тӀедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дӀахьакхалахь, цунна тӀулгаш кхисса деза, иза хӀаллакьхиллалц». 21- 12:21 Карлабаьккхинарг 9:19. Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву».

22 Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн 23 самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна, 24- 12:24 Доладалар 4:10. керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.

25- 12:25 Арадаккхар 20:22. Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь. 26- 12:26 Хьагай 2:6 (Грекийн). Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю». 27 «Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.

28 Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш, 29- 12:29 Карлабаьккхинарг 4:24. хӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».

13

Дела реза муха вийр ву вай

1 Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе. 2- 13:2 Доладалар 18:1-8; 19:1-3. Хьаша тӀеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тӀе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш. 3 Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.

4 Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.

5- 13:5 Карлабаьккхинарг 31:6, 8; ЮшаӀ 1:5. Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла:

«Ас цкъа а вуьтур вац хьо,

хьох къаьстар а вац Со».

6- 13:6 Забур 117:6 (Грекийн). Цундела вай майрра боху:

«Веза Эла ву сан гӀоьнча,

со хӀуманах а кхоьрур вац.

ХӀун дийр дара суна стага?»

7 Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта. 8 Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву. 9 Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чӀагӀдар гӀоле ю, хӀума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.

10 Вайн сагӀа доккху кхерч бу, цу тӀера хӀума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчеран. 11- 13:11 Ӏамалъяр 16:27. Къинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо. 12 Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра. 13 Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш. 14 Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду. 15 Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай. 16 Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.

17 Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.

18 Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо. 19 Къаьсттина доьху шуьга доӀа дар, Дала со сиха шайна тӀе юхаверзорах лаций.

ДоӀанца дерзор

20 Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала, 21 Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.

Дерзоран дешнаш

22 Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац. 23 Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.

24 Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.

25 Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.