Хьагай-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Хьагай-пайхамаран тептар тӀехь цхьаболу боца хаамаш цхьаьнатоьхна бу. Ӏийса дуьнен тӀе валале пхи бӀе ткъолгӀачу шарахь и хаамаш Везачу Элера кхаьчнера пайхамаре. Йийсарера юха а дирзина, халкъо Ярушалайм-гӀалахь цхьадолу шераш даьхначул тӀаьхьа а, Делан цӀа хӀинца а дохийна лаьтташ дара. Тептаран хаамашкахула халкъе кхойкхуш ду Делан цӀа юхаметтахӀотторе, ткъа Везачу Эло чӀагӀо йо, карладаьккхина а, цӀандина а долу халкъ беркатехь а, синтемехь а дехаш хир ду бохуш.
1Хьалхара дешнаш
1- 1:1 Ӏезар 4:24–5:2; 6:14. Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара. 2 Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цӀа до хан хӀинца а ца кхаьчна“».
Везачу Эло Делан цӀа меттахӀоттор тӀедиллар
3 Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хӀара хаам кхечира: 4 «Ткъа, хӀара Сан цӀа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цӀеношкахь шу Ӏан мегаш йолу хан тӀекхаьчний? 5 Цундела хӀинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе. 6 Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“.
7 Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе. 8 Лаьмнаш тӀе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тӀаккха Делан цӀа юхаметтахӀоттаде. И гӀуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло.
9 „Аша дуккха а долчу хӀумане сатуьйсу, амма кӀеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цӀа деанарг, Аса Сайн садеӀарца дӀадаьккхина. ХӀунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хӀорра а, сихло, шайн-шайн цӀа доьлхучу хенахь, Сан цӀа хӀинца а доьхна лаьтта дела ду иза. 10 И бахьанехь стигал а дӀакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна. 11 Аса лаьттахь а, лаьмнаш тӀехь а йокъа хӀоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагӀар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».
Везачу Эло тӀедиллинчуьнга халкъо ладогӀар
12 ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ. 13 ТӀаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хӀара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло». 14 ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира. 15 Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь.
2Хиндолчу Делан цӀийнан исбаьхьалла
1 ВорхӀалгӀачу беттан ткъе хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элера хӀара хаам кхечира: 2 «ХӀинца иштта дӀаала ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабеле а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀе а, дисинчу халкъе а: 3- 2:3 Ӏезар 3:12. „Мила висина шуна юкъахь, хӀара цӀа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хӀинца муха гуш ду шуна хӀара? Шун бӀаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах? 4 ХӀинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаӀ, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀант! Доьналла долуш хила лаьтта тӀехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хӀунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 5- 2:5 Арадаккхар 29:45, 46. Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чӀагӀоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидӀа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“»
6- 2:6 Ӏебархошка 12:26. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хӀорд а, екъа меттигаш а егор ю. 7 Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хӀуманаш кхуза яхьар ю. ХӀара цӀа сийлаллах дузур ду Ас, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 8 Дети а, деши а Сан ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 9 ХӀокху керлачу Делан цӀийнан сийлалла хьалхалерчу цӀийнан чул а лакхаер ю, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХӀокху меттехь лур бу Ас машар, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло».
Пайхамаро динан дайшка дина хеттарш
10 Дари-Вашас паччахьалла дечу шолгӀачу шеран уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. 11 «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Товрат-хьехамах лаьцна динан дайшка хаттарш а де, иштта дӀа а ала: 12 ‘Нагахь санна цхьамма шен бедаран юьха чохь Далла лерина даздина долу жижиг дахьачу хенахь, цуьнан юх баьпках, я кхехкийна йолчу хӀуманах, я чагӀарх, я зайтдаьттанах, я кхин йолчу юучух дӀахьакхалахь, – иза даздина хир дуй те?’“»
Динан дайша жоп делира: «Дац», – аьлла.
13- 2:13 Лелар 19:11-22. Цул тӀаьхьа Хьагайс иштта хаьттира: «Нагахь санна оцу хӀуманех, докъах куьг тоьхна Далла хьалха бехвелларг дӀахьакхалахь, уьш бехъелла хир юй те?»
Динан дайша жоп делира: «Бехъелла хир ю», – аьлла.
14 ТӀаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хӀара халкъ, иштта ду Суна хьалха хӀара къам, – боху Везачу Эло, – иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гӀуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагӀа Суна хьалха боьха ду».
Декъалалла хир ду аьлла, Везачу Эло чӀагӀо яр
15 «ХӀинца, таханлерчу дийнахь дуьйна, кхидӀа а леррина ойла ейша ас олучун. ТӀулга тӀе тӀулг а хӀоттош, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀотто шу дуьйладалале, иштта нислора: 16 ткъа сахь кӀа даккха дагахь волу стаг кӀен оьланна тӀевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тӀевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора. 17 Шун куьйгаша мел динчунна Ас кӀен кӀора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тӀаккха а Суна тӀе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. – 18 Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цӀийнан бух дӀахӀоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша. 19 Дуй те хӀинца а ялтийн чоьнаш чохь хӀу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хӀинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду».
Зурбабелна лур ду аьлларг
20 ХӀокху беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь шолгӀа а Хьагай-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира: 21 «ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дӀаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду. 22 Ас харцор ду паччахьийн гӀанташ, хӀаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гӀудалкхаш а, царна тӀе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хӀаллакбийр бу. 23 Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кӀант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пӀелга тӀехь долу мухӀар санна латтор ву, хӀунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“».