Хьабукъа-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Хьабукъа-пайхамаро аьлла долу дешнаш Ӏийса дуьнен тӀе валале ворхӀалгӀа бӀешо чекхдолуш хиллачу заманахьлера ду. Оцу хенахь бавелхоша олалла дора исраилхошна тӀехь (тептар тӀехь царах дукхахьолахь хашадхой олу). Оцу къизачу къомо ницкъ барна гӀайгӀанах вуьзна хиларна, пайхамаро Везачу Эле хаттар до: «Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?» (1:13). ТӀаккха Везачу Эло цунна жоп ло, Ша билгалъяьккхинчу хенахь доггӀург дийр ду, ткъа и хан тӀекхачале, «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву» аьлла (2:4).

Тептаран дисинчу декъехь Делера болу цхьа хаам а, Далла лерина йолу цхьа назма а ю. Делера болу и хаам харцо лелаечарна бийр болчу бохамах лаьцна бу. Далла лерина йолчу оцу назманехь Дела сийлахь хиларх лаьцна дуьйцу, иштта байтийн яздархочун довр доцу Делах тешар а довзуьйту.

1

1 ХӀара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.

Хьабукъин латкъам

2 Веза Эла, ас орца мел дохур ду те – Хьуна дӀа а ца хезаш, ас цӀогӀа мел хьоькхур ду те – къизалла ечух Ахь кӀелхьар а ца воккхуш? 3 ХӀунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хӀаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду. 4 И бахьана долуш Ӏедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Ӏесачо Делан лаамехь верг кӀелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.

Везачу Элан жоп

5- 1:5 Векалийн 13:41. ТӀаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чӀогӀа цецдевр ду, хӀунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду Ас. 6- 1:6 ТӀаьххьарнаш 24:2. Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама. 7 И халкъ кхерам тосуш а, нах Ӏадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.

8 Церан говраш цӀоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богӀу, церан дошлой геннара схьабогӀу. Ижуна тӀекхета аьрзу санна, тӀемабевлла схьабогӀу уьш.

9 Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна. 10 Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чӀагӀонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хӀиттадой, уьш дӀалоцу цара. 11 ТӀаккха уьш, чехка мох санна, тӀех а бевлла, дӀабовлу. Уьш къилахь нах бу, хӀунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».

Хьабукъас шолгӀа бина латкъам

12 Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац!+ 1:12 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! *Ӏебархойн кхечу тептар тӀехь: *Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна верг? Сан Дела, сан Везаниг, Хьо-м цкъа а лийр ма вац!* Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таӀзар дайтархьама. 13 Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?

14 ХӀунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чӀерий а, шайна тӀехь олахой боцу текхаргаш а санна? 15 Хашадхоша уьш берриш а мӀерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дӀа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш. 16 Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.

17 Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?

2

Везачу Эло Хьабукъина делла жоп

1 Ӏуналлина лерина йолчу бӀаьвнна тӀе вогӀур ву со, чардакха тӀехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а+ 2:1 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а. *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *сан латкъамна Цо соьга лун долу жоп хаархьама а.*.

2 Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама. 3- 2:3 Ӏебархошка 10:37. И хаам дӀаязбе, хӀунда аьлча Ас дӀахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугӀуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. 4- 2:4 Римхошка 1:17; Галатахошка 3:11; Ӏебархошка 10:38. Хаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву. 5 Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».

Делан лаамехь боцучарна кхелъяр

6 Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»

7 Хьуна декхарийлахь берш цӀеххьана гӀовттур-м бац те? Хьо кхоьруьйтуш берш самабевр-м бац те? ТӀаккха хьо церан ижу хилла дӀахӀуттур ма ву! 8 Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хӀунда аьлча ахь адамийн цӀий Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

9 «Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!» 10 Ахь дагалаьцначу хӀуманаша хьан цӀийнан сий дайина. Дукха халкъаш хӀаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь. 11 Пенашна юкъарчу тӀулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду.

12 «Декъаза ву цӀий тӀехь гӀала хӀоттош верг, харцдолчуьнца чӀагӀонаш дӀахӀиттош верг!» 13 Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цӀеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а? 14- 2:14 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:9. Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.

15 «Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгӀазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!» 16 Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю. 17 Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тӀедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хӀаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХӀунда аьлча адамийн цӀий а ахь Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

18 ХӀун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цӀун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хӀуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цӀунах муха тешар ву? И цӀу вист а ца хилало! 19 «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тӀулге „ХьалагӀатта!“ бохург. Цуьнга Ӏамалур дуй те цхьа а хӀума? ХӀаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».

20 Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!

3

Хьабукъин доӀа

1 Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма+ 3:1 *Тийжаме назма *– Ӏебархойн маттахь: «шиг-юнут». Цу дешан маьӀна билггала хууш дац.* санна даьккхина доӀа.

2 Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна.

Веза Эла! Хьан гӀуллакхашка ларамах вуьзна ву со.

Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта,

тхан заман чохь и гӀуллакхаш кхин а гучудахахьа!

ОьгӀазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа.

3 Дела Теманера схьавогӀу,

Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу.

Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо,

Цуьнан сийлаллах латта дузу.

4 Цуьнан лепар малхан серло санна ду.

Ницкъ къайлабаьлла болчу

Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.

5 Цунна хьалха кхераме цамгар йогӀу.

Цуьнан гӀулчашкахь Ӏожаллин ун лела.

6 Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо.

Иза дӀахьаьжча, халкъаш тохало.

БӀешерийн лаьмнаш духу,

шира баьрзнаш охьаоьгу.

Цуьнан некъаш абаденналц ду.

7 Суна го, хушанхойн четарш гӀайгӀанехь хилар,

маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар.

8 Хишна оьгӀазвахана те Хьо, Веза Эла?

Хишна тӀе йирзина те Хьан оьгӀазалла?

ХӀордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла?

Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь,

Хьан толаман гӀудалкхаш лоьхку Ахь?

9 Ахь схьадоккху Хьайн секхаӀад,

Хьайн ботт пхерчашца а юзу+ 3:9 *Грекийн гочдар тӀехь: *Хьайн ботт пхерчашца а юзу. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *гаранашна дина ваӀданаш чӀогӀа дешнаш ду.*.

Ахь Ӏоврашца хедадо латта.

10 Хьо гича, лаьмнаш дегадо.

Стигалара хиш охьахьовду.

КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту,

леккха шен куьйгаш хьала а ойу.

11 Малххий, буттий шаьш долччохь совцу,

Хьан чехкачу пхерчийн сегарна,

Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.

12 Хьо оьгӀазаллехь лела лаьтта тӀехула.

Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу.

13 Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кӀелхьардаккхархьама,

Айхьа къобалдинарг кӀелхьардаккхархьама.

Ахь Ӏесачийн халкъан коьртехь волчунна туху,

бух тӀера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш.

14 Ахь цуьнан тӀемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво,

тхо дӀасадаржо, дарц санна, уьш тӀехьаьддачу дийнахь,

хазахетарца мисканиг къайлаха дӀакхалла дагахь.

15 Ахь Хьайн говрашца хӀорд хьоьшу,

сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш.

16 Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра.

Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра,

сан даьӀахкех лазар кхийтира,

сан когийн кӀелара латта дегадо.

Амма со собарца хьоьжур ву,

тхуна тӀелеттачу халкъана тӀе догӀучу бохаман дийне.

17 Инжиран дитто заза ца даккхахь а,

кемсийн таьллангана тӀе стом ца латабахь а,

зайтдитто сатийсинарг ца лахь а,

аренаша ялта ца лахь а,

жоьлехь уьстагӀий ца дисахь а,

божалахь даьхний ца дисахь а,

18 тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со,

суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.

19- 3:19 Дауд 22:34; Забур 17:34. Хьалдолу Эла – сан ницкъ бу.

Цо, сан когаш сен когаш санна а бо,

со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту!

Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.