Дуьненан

доладалар

Дешхьалхе

Грекийн маттахь Делан Йозанийн хӀара хьалхара тептар «генесис» цӀе йолуш ду. Иза «схьадалар» бохург ду. Наха хӀокху тептарх иштта аьллера, цо дуьне а, адам а кхолларх а, къа схьадаларх а, дуьнен чохь балахьегар дӀадоладаларх а, Дала адамашна дечух а лаьцна дуьйцу дела. Доладалар шина декъе декъа мегар ду:

1-11 кортош: Царна чохь дуьне кхоллар а, адамийн юьхьанцара истори а ю. Цу декъа тӀехь Адамах а, Хьавах а, Кхаимах а, Хьабулах а, Нохьех а, хи тӀедаларх а, Бавелан бӀаьвнах а лаьцна дуьйцу.

12-50 кортош: Царна чохь исраилхойн ширачу дайх лаьцна дуьйцу. Хьалхарниг ИбрахӀим ву. Цуьнан Делах тешар а, Далла муьтӀахь иза хилар а гойту кхузахь. Цул тӀаьхьа ИбрахӀиман кӀантах Исхьакхах а, кӀентан кӀантах Якъубах а (Исраил аьлла, кхин цӀе а ю цуьнан), Исраилан халкъан шийтта тайпа кхоьллина волчу Якъубан шийтта кӀантах а дуьйцу. Къаьсттина боккха тидам тӀебохуьйту тептар тӀехь Якъубан кӀантах Юсупах а, Якъубан а, цуьнан кӀентийн а шайн доьзалшца Мисар-махка дӀакхалхарх а лаьцна дуьйцучунна.

Адамех лаьцна цу тептар тӀехь дийцахь а, иза уггар хьалха Дала динчух лаьцна дийцар ду. Иза дӀадолало Дала дуьне кхолларх лаьцна дуьйцуш, ткъа чекхдолу Дала Ша адамаш Ӏалашдийр ду аларца. Юьхьанцара дуьйна чекхдаллалц тептаран коьрта декъашхо Дела ву. Цо кхел а йо, зулам дечарна таӀзар а до. Цо Шен нах дӀа а буьгу, царна гӀо а до, церан кхоллам дӀа а нисбо. И шира тептар яздина дара, халкъан Делах долу тешарх лаьцна дӀаяздархьама а, иза дийна долу тешар санна Ӏалашдархьама а.

1

Дуьненан кхолладалар

1 Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. 2 Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.

3- 1:3 2 Коринтхошка 4:6. Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира. 4 Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра. 5 Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира.

Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.

6- 1:6-8 2 Кипин 3:5. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла». 7 Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. 8 Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира.

Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а.

9 ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. 10 Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.

11 Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 12 Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.

13 Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а.

14 Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. 15 Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 16 Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. 17 Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а, 18 дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.

19 Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира.

20 Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».

21 Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. 22 Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».

23 ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а.

24 Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 25 Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.

26- 1:26 1 Коринтхошка 11:7. ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а».

27- 1:27 Маттай 19:4; Марк 10:6. Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.

28 Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».

29 Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург. 30 Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.

31 Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.

2

1 Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.

2- 2:2 Ӏебархошка 4:4, 10. ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.

3 ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.

Адам а, Хьава а

4 ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь. 5 Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело. 6 Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш. 7- 2:7 1 Коринтхошка 15:45. ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.

8 ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. 9- 2:9 Довзийтинарг 2:7; 22:2, 14. Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.

10 Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора. 11 Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу. 12 (Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду). 13 ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула. 14 КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат.

15 ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш. 16 Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа, 17 амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», – аьлла.

18 ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».

19 Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира. 20 Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.

21 ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира. 22 Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.

23 Адамо элира:

«ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю,

дилха а сан дилханах ду,

кхуьнан цӀе а адам+ 2:23 *Адам *– Ӏебархойн маттахь «зуда» бохург «стаг» бохучуьнца цхьаьна доьзна ду.* хир ю,

иза майрачух яьккхина дела».

24- 2:24 Маттай 19:5; Марк 10:7, 8; 1 Коринтхошка 6:16; Эпасхошка 5:31. Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.

25 И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.

3

Адамо дуьххьара къа латадар

1- 3:1 Довзийтинарг 12:9; 20:2. Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»

2 Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, 3 амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».

4 ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, 5 амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»

6 Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. 7 ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.

8 Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. 9 Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.

10 Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».

11 Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.

12 Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.

13- 3:13 2 Коринтхошка 11:3; 1 Тимапига 2:14. ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?»

Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.

14 ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира:

«И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон.

НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а,

ерриге а аренан акхарошна а хьалха.

ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.

15- 3:15 Довзийтинарг 12:17. ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а,

хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь

а мостагӀалла хир ду.

Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю,

ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».

16 Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира:

«Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан,

лазаршца доьзалхо а хир ву хьан.

ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо,

ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».

17- 3:17, 18 Ӏебархошка 6:8. Адаме+ 3:17 *Адаме *– кхузахь деша мега «адаме» я «Адаме».* Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна,

хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а.

Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду

ахьа хьайна напха.

18 КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе,

аренан ораматех хир ю хьуна юург.

19 Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг,

юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц.

Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела,

юха а чан хир ю хьох».

20 ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.

21 ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш. 22- 3:22 Довзийтинарг 22:14. Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».

23 Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. 24 Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.

4

Кхаим а, Хьабул а

1 Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). 2 Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас.

Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.

Дуьххьара стаг вер

3 Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. 4- 4:4 Ӏебархошка 11:4. Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. 5 Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.

6 ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву! 7 Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».

8- 4:8 Маттай 23:35; Лака 11:51; 1 Яхьъяс 3:12. ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.

9 ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?»

Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»

10- 4:10 Ӏебархошка 12:24. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. 11 ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь. 12 Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».

13 ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан. 14 Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».

15 Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас».

ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.

16 Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада+ 4:16 *Нада *– Ӏебархойн маттахь «Нада» «волавелла лелар» бохург ду.* цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.

17 Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.

18 ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ. 19 ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла. 20 Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах. 21 Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира. 22 Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат.

23 Шен зударшка ЛемакӀа элира:

«Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий!

ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн.

Сайна чов йича, стаг вийна ас.

Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.

24 Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча,

со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара».

25 Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», – элира Хьавас. 26 ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира.

Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.

5

Адамна тӀера Нохьина тӀе кхаччалц йолу хан

(1 Шерашкахь 1:1-4)

1- 5:1, 2 Доладалар 1:27, 28. ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар.

Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. 2- 5:2 Маттай 19:4; Марк 10:6. Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.

3 Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама. 4 ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 5 Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира.

6 ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош. 7 Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 8 ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

9 Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим. 10 Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 11 Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

12 Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал. 13 Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 14 Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

15 Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад. 16 Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 17 Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

18 Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох. 19 ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 20 Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

21 ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь. 22 Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 23 ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира. 24- 5:24 Ӏебархошка 11:5; Довзийтинарг 14. ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела.

25 Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ. 26 ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 27 Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

28 ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира. 29 ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». 30 Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 31 ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.

32 Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат.

6

Дерриге а Латта хица къайладаккхар

1- 6:1-4 Аюб 1:6; 2:1. Лаьтта тӀера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоӀарий а. 2 Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара. 3 ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».

4- 6:4 Лелар 13:33. Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.

5- 6:5-8 Маттай 24:37; Лака 17:26; 1 Кипин 3:20. ТӀаккха лаьттара адамаш чӀогӀа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. 6 Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. 7 ТӀаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хӀума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хӀаваэра олхазарш а, – и дерриге а хӀаллакдийр ду Ас». 8 Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.

Нохьин тӀаьхье

9- 6:9 2 Кипин 2:5. ХӀара ду Нохьин тӀаьхьенах хилларг.

Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цӀена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. 10 Кхо кӀант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цӀераш йолуш.

11 Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чӀогӀа бехделлера, латта зуламех дуьзнера. 12 Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хӀора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дӀаваьлла дела.

13 ТӀаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таӀзарех а дуьзна, иза бехдина хӀаллакдо дела, Ас, хӀаллак а дина, дӀадоккхур ду и латта а, цу тӀехь мел йолу садолу хӀума а. 14 Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тӀаккха кемана чухула а, тӀехула а силам а хьакха. 15 Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол+ 6:15 *Дол *– куьйган гоьлана тӀера пӀелгийн буьхьигаш тӀе кхаччалц барам.* барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза. 16 Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агӀо тӀехь неӀ а яккха+ 6:16 *Я иштта: *Кеманан пенашна тӀехула тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг цхьа дол барамехь йиллина а йита.*. Цу кеман чохь тӀех-тӀехула а долуш кхо дакъа де. 17 Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тӀе, стигалш бухара чохь са мел долу хӀума а хӀаллакьярхьама. Лаьтта тӀехь мел долу хӀума хӀаллакьхир ду. 18 Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кӀентий а, хьан зуда а, хьан кӀентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. 19 Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. 20 Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. 21 Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».

22- 6:22 Ӏебархошка 11:7. Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.

7

1 ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. 2 Хьайца схьаэца хӀора тайпанах ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хӀора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а). 3 ХӀора тайпана олхазарех а схьаэца ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а, церан тӀаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тӀехь. 4 Ткъа ворхӀ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догӀа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тӀе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тӀера хӀаллак а деш».

5 Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира.

6 Хи тӀедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бӀе шо дара. 7- 7:7 Маттай 24:38, 39; Лака 17:27. Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а. 8 Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана 9 (боьрша а, стен а). Шена Дала тӀе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира. 10 ВорхӀ де даьлча, лаьтта тӀе хиш деара. 11- 7:11 2 Кипин 3:6. Нохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара. 12 (И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).

13 Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. 14 Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тӀема мел йолу хӀума а, ша-ша тайпа олхазарш а. 15 И массо а шайна чохь са долуш йолу хӀуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. 16 Дала тӀе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хӀуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тӀаьхьа хинкеманан неӀ дӀачӀегӀира Везачу Эло.

17 Лаьтта хи тӀедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. 18 Хи, кхин а чӀагӀлуш, дебара лаьтта тӀехь, ткъа кема хин тӀехула лелара. 19 Хи гулдалар лаьтта тӀехь тӀех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дӀахьулделира хи чохь. 20 Лаьмнаш хьулделлачул тӀаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. 21 Лаьтта тӀехь лелаш мел йолу садолу хӀума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дӀакхелхира. 22 Дерриге а лаьтта тӀехь хилла йолу мерӀуьргашкахула садоӀуш мел йолу хӀума елира. 23 Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.

24 Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь.

8

1 Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тӀе мох бахийтира Дала. ТӀаккха хиш лагӀделира. 2 Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дӀа а къовлаелла, догӀучуьра догӀа а сацийнера. 3 Цхьа бӀе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тӀера хи, тӀаьхь-тӀаьхьа шен метта а доьрзуш, лагӀлуш дара. 4 ВорхӀалгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира. 5 Хи тӀедаларан уьтталгӀа бутт болуш хи лагӀлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.

6 Шовзткъа де даьлча, Нохьас дӀадиллира ша дина хинкеманан кор. 7 ТӀаккха къиг арахийцира цо, иза тӀема а йолуш, юха а йогӀуш лийлира, латта хих дакъадаллалц. 8 Цул тӀаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тӀера хиш лагӀделла даьллий-те хаархьама. 9 Амма кхокханна ца карийра шен когаш тӀебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хӀунда аьлча хи хӀинца а долуш дара дерриге а лаьтта тӀехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу. 10 Кхин а ворхӀ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра. 11 Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зӀакар чохь керла зайт-диттан гӀа а дахьаш. ТӀаккха Нохьина хиира хи лаьтта тӀера дӀадаьллий. 12 Кхин а ворхӀ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тӀаьхьа кхокха юха ца бирзира. 13 ТӀаккха хинкеманан неӀ дӀайиллира Нохьас. ДӀасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бӀе цхьалгӀа шо дара цу хенахь. 14 ШолгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера. 15 ТӀаккха Дала Нохье элира:

16 «Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кӀентий а, церан зударий а хьоьца. 17 Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш».

18 Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. 19 Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра.

20 ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо. 21 И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира:

«Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.

22 ХӀинца дуьйна, латта мел ду,

цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а,

шело а, йовхо а,

аьхке а, Ӏа а,

де а, буьйса а

хийцадалар соцур дац».

9

Дала Нохьица бина барт.

1- 9:1 Доладалар 1:28. ТӀаккха Нохьа а, цуьнан кӀентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга:

«ТӀаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш. 2 Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тӀехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хӀорда чохь мел долу чӀерий а. Шун кара дӀаделла Ас и дерриге а. 3 Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хӀинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хӀума а дӀало Ас шуна юучунна. 4- 9:4 Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23; 15:23. Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш. 5 Адаман цӀий Ӏанорна Соьга жоп дала деза, цу цӀийна чохь са долу дела. ХӀора стага а жоп дала деза ша адаман Ӏанийначу цӀийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цӀий Ӏанийча. 6- 9:6 Арадаккхар 20:13; Доладалар 1:26. Цхьана стага адаман цӀий Ӏанийнехь, цуьнан цӀий а Ӏанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цӀий Ӏанийна дела. 7- 9:7 Доладалар 1:28. Ткъа шу деба а деба, шайн тӀаьхье стам а е, дӀаса а даржа лаьтта тӀехь, алссам а довла цу тӀехь».

8 Дала элира Нохье а, цуьнан кӀенташка а:

9 «Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тӀаьхьа хир йолчу шун тӀаьхьенца а, 10 массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хӀуманца а. 11 Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хӀума хица хӀаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тӀедаларца хӀаллакдийр дац».

12 ТӀаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чӀагӀдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хӀуманца а, тӀейогӀучу массо а ханна, барт бар. ХӀара ду и тоьшалла: 13 стелаӀад хӀоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. 14 Ас лаьттана тӀехула гулйина мархашна юкъахь стелаӀад гучудаьлча, 15 Суна дагабогӀур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хӀума хи тӀедаларца хӀаллакйийр яц аьлла. 16 Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаӀад гича, дагабогӀур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хӀуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».

17 Иштта элира Дала Нохье: «И стелаӀад лаьттахь дийна мел йолчу хӀуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».

Нохьин кӀентий

18 Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кӀентийн цӀераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаӀанан да вара. 19 И кхоъ Нохьин кӀант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тӀаьхье.

20 Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дӀайийра. 21 Кемсийн чагӀар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тӀе хӀума а тасаза, вижина Ӏуьллуш вара Нохьа. 22 КанаӀанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тӀаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира. 23 Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тӀе а йиллина, тӀехьа а вирзина, кӀегара шайн дена тӀе вахара. И бедар цунна тӀе а тесна, Нохьин верзина хилар дӀакъевлира цара. Уьш тӀехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.

24 Ша меллачу чагӀарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тӀехь жимаха волчу кӀанта Хьамас динарг. 25 ТӀаккха Нохьас элира:

«НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла.

26 Кхин а элира цо:

«Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела,

ткъа КанаӀан Шимин лай хуьлийла.

27 Япатан тӀаьхье Дала беркате а йойла,

Шимин четарш чохь а Ӏойла Япат.

Ткъа КанаӀан Япатан лай хуьлийла!»

28 Лаьтта тӀехь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа, кхо бӀе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа. 29 Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бӀе шовзткъе итт шо ду. ТӀаккха Нохьа дӀакхелхира.

10

Нохьин кӀентийн тӀаьхье

(1 Шерашкахь 1:5-23)

1 ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг.

Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира.

2 Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.

3 Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.

4 Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. 5 ГӀайренаш+ 10:5 *ГӀайренаш *– схьахетарехь, Дуьненаюккъерачу хӀордахь.* тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш.

6 Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.

7 Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа.

РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а.

8 Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара. 9 Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо+ 10:9 *Таллархо *– я иштта: турпалхо.* вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». 10 Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра. 11 Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а, 12 Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала.

13 Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 14 патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой.

15 КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 16 Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 17 хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 18 арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.

Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира. 19 КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц.

20 Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.

Шимин тӀаьхье

21 Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара.

22 Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.

23 Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара.

24 Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.

25 Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. 26 Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 27 ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 28 Ӏобал, Абумаил, Шеба, 29 Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара.

30 Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.

31 Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.

32 Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу.

11

Бавелан бӀов хӀоттор

1 Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара. 2 Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.

3 «Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан. 4 Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».

5 Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла. 6 Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна:

«И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан. 7 Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».

8 ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш. 9 Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.

Шимина тӀера Ибрам тӀе кхаччалц йолу тӀаьхье

(1 Шерашкахь 1:24-27)

10 ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг.

Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира. 11 Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

12 Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. 13 Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

14 Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар. 15 Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

16 Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча. 17 ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.

18 ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. 19 Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

20 Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча. 21 СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

22 Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир. 23 Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

24 Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира. 25 ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.

26 ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.

ТӀахьиран тӀаьхьенах лаьцна

27 ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг.

ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира. 28 ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш. 29 Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра. 30 Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.

31 ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.

32 ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.

12

Ибрама Дала тӀедиллинарг кхочушдар

1- 12:1 Векалийн 7:2, 3; Ӏебархошка 11:8. Везачу Эло элира Ибраме:

«Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.

2 Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду,

хьо декъал а вийр ву,

хьан цӀе а ойур ю,

наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.

3- 12:3 Галатахошка 3:8. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш,

неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна,

дуьнен чуьра массо а халкъ

хьоьгахула декъал а дийр ду».

4 Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. 5 Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира. 6 Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.

7- 12:7 Векалийн 7:5; Галатахошка 3:16. Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду».

Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. 8 Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. 9 Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.

Ибрам Мисар-махкахь

10 ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара. 11 Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете:

«Суна хаьа хьо хаза зуда юйла. 12 Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама. 13- 12:13 Доладалар 20:2; 26:7. Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».

14 Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира. 15 ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира. 16 Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.

17 Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе. 18 ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно:

«ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь? 19 Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» – аьлла.

20 Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.

13

Ибрам а, ЛутӀа а дӀасакъаьста

1 Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара. 2 Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. 3 КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза. 4 Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза.

5 Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара. 6 Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора. 7 Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара.

8 ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду. 9 ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву».

10- 13:10 Доладалар 2:10. ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. 11 ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара, 12 ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо. 13 Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара.

14 ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. 15- 13:15 Векалийн 7:5. Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду. 16 Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра. 17 ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза».

18 Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо.

14

Ибрама ЛутӀа кӀелхьарвоккху

1 Амрапал ШанӀар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Ӏумар Ӏейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Ӏела Гойим цӀе йолчу къоман паччахь вара. 2 И массо а паччахьаш тӀамца дуьхьалбахара Седам-гӀалин паччахьна БераӀна а, Ӏамор-гӀалин паччахьна БиршаӀна а, Удам-гӀалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦӀабайма-гӀалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаӀ-гӀалин (хӀинца ЦӀоӀар-гӀала цӀе йолчу) паччахьна а. 3 Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь. 4 Шийтта шарахь Кедирал-Ӏумар цӀе йолчу паччахьан куьйга кӀелахь бара уьш, кхойтталгӀачу шарахь цунна дуьхьал гӀевттира и паччахьаш. 5 ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, 6 СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра. 7 Цул тӀаьхьа Кедирал-Ӏумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Ӏейн-Мишпате (хӀинца Кхадеш олучу метте) а веана, Ӏамалекхахой олучу къомана тӀехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Ӏаш болу эмархой эшийра. 8 Седаман а, Ӏаморан а, Удаман а, ЦӀабаймин а, (хӀинца шех ЦӀоӀар олучу) БулаӀан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагӀашца тӀом бан Сидим олучу тогӀи чу биссира. 9 Уьш тӀом беш бара Ӏейламарчу паччахьца Кедирал-Ӏумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Ӏелица а, ШанӀар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал. 10 Сидим-тогӀи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Ӏаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тӀемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира. 11 ТӀаккха Седамера а, Ӏаморера а бахархойн долахь дерг а, тӀаьхьалонна дӀадиллинарг а – дерриг а, схьа а эцна, дӀабахара мостагӀий. 12 Ибраман вешин кӀант ЛутӀа Седамехь Ӏаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагӀаша дӀабаьхьира.

13 КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла. 14 ЛутӀа дӀалаьцна ву аьлла хезча, шен хӀусамехь кхиъна волу кхо бӀе берхӀитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гӀали тӀекхаччалц мостагӀа эккхийна вахара Ибрам. 15 Бекъа а белла, цу буссехь мостагӀашна тӀе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цӀе йолчу метте кхаччалц дӀабигира цара. 16 МостагӀаша дӀабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутӀа а – дерриг а юхадерзийра Ибрама.

17 Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь. 18- 14:18-20 Ӏебархошка 7:1-10. Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал. 19 Ибрам декъал а веш, цо элира:

«Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала

декъалвойла хьо.

20 Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла

хастам бер вай».

ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.

21 ТӀаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагӀчо дӀалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа».

22 Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас, 23 хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“. 24 Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догӀу дакъа дӀадала деза ахьа. Ӏанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догӀург дӀало».

15

Дала Ибрамца бартбар

1 И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».

2 Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг. 3 Ахьа кӀант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг».

4 ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».

5- 15:5 Римхошка 4:18; Ӏебархошка 11:12. Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».

6- 15:6 Римхошка 4:3; Галатахошка 3:6; Якъуба 2:23. Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. 7 Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».

8 Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?»

9 Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба». 10 И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. 11 Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш. 12- 15:12 Аюб 4:13, 14. Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах.

13- 15:13 Арадаккхар 1:1-14; Векалийн 7:6. Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш. 14- 15:14 Арадаккхар 12:40, 41; Векалийн 7:7. Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна. 15 Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву. 16 Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».

17 Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. 18- 15:18 Векалийн 7:5. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц, 19 кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, 20 хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, 21 эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла.

16

ХӀажар а, ИсмаьӀал а

1 Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш. 2 Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира. 3 И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта.

4 Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна. 5 ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».

6 Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», – аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.

7 Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар. 8 Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?»

ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу».

9 Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила». 10 Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан». 11 Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. 12 ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза».

13 ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?» 14 Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).

15- 16:15 Галатахошка 4:22. ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира. 16 Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича.

17

Сунтваран бартбар

1 Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха, 2 ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду». 3 ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга: 4 «ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. 5- 17:5 Римхошка 4:17. Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим+ 17:5 *ИбрахӀим *– «дукхахболчеран да».* хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву. 6 Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш. 7- 17:7 Лака 1:55. Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву. 8- 17:8 Векалийн 7:5. Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». 9 Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза. 10- 17:10 Векалийн 7:8; Римхошка 4:11. Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11 Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12 КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13 Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу. 14 Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».

15 Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат+ 17:15 *Сарат *– зуда-эла.*. 16 Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».

17 ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?» 18 ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».

19 Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза. 20 Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан+ 17:20 *ИсмаьӀал *– Далла хеза.* цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ. 21 Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».

22 ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.

23 ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо. 24 ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь. 25 Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь. 26 ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира. 27 Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.

18

Кхо хьаша

1 Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза. 2- 18:2а Ӏебархошка 13:2. Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. 3 «Эла! – элира ИбрахӀима, – Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь. 4 Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна. 5 Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча».

Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».

6 Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». 7 ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. 8 Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.

9 Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?»

«Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», – элира ИбрахӀима.

10- 18:10 Римхошка 9:9. «Со бӀаьста юхавогӀур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву».

Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле. 11 ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера. 12- 18:12 1 Кипин 3:6. Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»

13 ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю? 14- 18:14 Лака 1:37. Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».

15 Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».

ИбрахӀима Седам-гӀалин бахархойн дуьхьа дехар дар

16 ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим. 17 Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац. 18 ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. 19 Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». 20 Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. 21 Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».

22 Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. 23 Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна? 24 ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа? 25 Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»

26 ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».

27 ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла. 28 Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».

29 Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?»

«Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», – жоп делира Хьалдолчу Эло.

30 «Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахӀима.

«Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло.

31 ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».

32 Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?»

Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».

33 ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.

19

Седам-гӀала а, Гомар-гӀала а йохор

1 Сарахь и ши малик Седам-гӀала деара. ГӀалин кевна йистехь хиина Ӏаш вара ЛутӀа. Уьш шена гича, тӀе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. 2 «Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хӀусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидӀа а бер аша», – элира ЛутӀас.

«ХӀан-хӀа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.

3 Амма ЛутӀас чӀогӀа дехарна, иза волчу хӀусаме ван резахилира и шиъ. ЛутӀас царна яа хӀума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хӀума йиира. 4 Цу сарахь уьш дӀабийшале, Седам-гӀалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьӀӀера схьа а веана, ЛутӀин цӀенна го бира. 5- 19:5-8 Куьйгалхой 19:22-24. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»

6 ЛутӀас, ара а ваьлла, шена тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира. 7 Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! 8 Боьрша стаг а вовзаза ши йоӀ ю сан. Ас и шиъ дӀалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хӀусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».

9 Амма цӀенна го бинчу Седам-гӀалара божарша элира: «ДӀавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хӀокху тӀевеана волчу стаге, хӀара висинера вайна тӀехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутӀина тӀегӀоьртира неӀ кагъян дагахь. 10 ЛутӀа волчу веанчу шина стага, дӀакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неӀ дӀакъевлира. 11- 19:11 Дауд 6:18. ТӀаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бӀаьрса дайира цара. ЧувогӀу неӀ лоьхуш, нах чӀогӀа гӀелбеллера.

12 Цу шина стага хаьттира ЛутӀе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хӀокху гӀалахь Ӏаш? Я невцарий, я кӀентий, я йоӀарий – милла велахь а кху гӀалара араваккха. 13 Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян». 14 Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.

15 ШолгӀачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутӀа. «Кху гӀалина таӀзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цӀахь йолу зуда а, ши йоӀ а схьа а эций, дӀагӀо кхузара. ГӀалахь дисахь, шу хӀаллакьхир ду».

16- 19:16 2 Кипин 2:7. Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира. 17 Уьш гӀалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХӀинца довда, шайн синош кӀелхьардаха! ГӀалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогӀи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дӀагӀо, довдий. Нагахь совцахь, гӀалица цхьаьна хӀаллакьхир ду шу!»

18 Амма ЛутӀас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогӀар. 19 Соьца, шайн ялхочуьнца, чӀогӀа лараме ду шу. Аша сан дахар кӀелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДӀа а ца кхиъна, вала там бу со. 20 Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гӀала ю, цига вахийтийша со. Цига дӀакхаьчча, кӀелхьарвер вара со, иза жима гӀала ма ю».

21 Малико элира ЛутӀе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гӀала, 22 амма сиха дӀавада цига, хӀунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гӀала йохо йиш яц сан». (Цу гӀалин цӀе «Жиманиг» (Ӏебархойн маттахь «ЦӀоӀар») тиллира, ЛутӀас иза жима ю аьлла дела).

23 Малх хьалагӀаьттинера, ЛутӀа ЦӀоӀар-гӀали чу кхочуш. 24- 19:24, 25 Маттай 10:15; 11:23, 24; Лака 10:12; 17:29; 2 Кипин 2:6. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна. 25 Везачу Эло хӀаллакйира цигахь йолу гӀаланаш а, ерриг тогӀи а, дерриг ораматаш а, цу гӀаланашкахь Ӏийна дерриг адамаш а. 26- 19:26 Лака 17:32. ЛутӀагӀар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тӀулг хилира.

27 Цу дийнахь Ӏуьйрре гӀаьттина, Везачу Элана ша хьалха хӀуттучу метте вахара ИбрахӀим. 28 Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира. 29 Ша тогӀи чуьра гӀаланаш йохош, Шена ИбрахӀим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гӀаланашкахь Ӏаш волу ЛутӀа араваьккхира Везачу Эло.

ЛутӀа а, цуьнан йоӀарий а

30 ЛутӀа ца ваьхьара ЦӀоӀар-гӀалахь Ӏан, цундела шен шина йоӀаца лаьмнашка дӀавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Ӏаш бара. 31 Цкъа йоккхаха йолчу йоӀа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тӀехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац. 32 ЧагӀар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дӀайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хӀу Ӏалашдийр ду вай».

33 Цу буссехь дена чагӀар малийра шина йоӀа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дӀайижира. ЛутӀина ца хиира, иза шеца дӀайижча а, хьалагӀаьттича а. 34 ШолгӀачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагӀар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дӀа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хӀу Ӏалашдийр ду вай».

35 Цу буса а дена чагӀар малийра шина йоӀа. Жимаха ерг дӀайижира метта шен деца. Юха а ЛутӀина ца хиира, иза дӀайижча а, хьалагӀаьттича а. 36 ЛутӀин ший а йоӀ цунах берах хилира. 37 Йоккхаха йолчу йоӀа кӀант вира, цуьнан цӀе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу муабахой. 38 Жимаха йолчу йоӀа а кӀант вира. Цо цуьнан цӀе Бен-Ӏамми тиллира (иза «сан гергарчун кӀант» бохург ду). Цунах схьабевлла хӀинца болу Ӏамминхой.

20

ИбрахӀим а, Абу-Малик а

1 НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахьа дӀа а вахана, Кхадеш-гӀалина а, Шур-гӀалина а юккъехь ваха хиира ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа ГӀарар-гӀалахь Ӏийра иза. 2- 20:2 Доладалар 12:13; 26:7. Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГӀарар-гӀаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.

3 Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».

4 Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хӀаллакдийр ду Ахь ткъа? 5 ИбрахӀима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цӀена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».

6 ТӀаккха Дала оццу гӀенах элира Абу-Малике: «ХӀаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цӀенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. 7 ИбрахӀимна цуьнан зуда дӀало, хӀунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доӀа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахӀимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».

8 ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна – ялхой чӀогӀа кхерабелира. 9 Юха, ИбрахӀиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хӀун ду ахь тхуна динарг? Ас хӀун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу». 10 Абу-Малика хаьттира ИбрахӀиме: «ХӀун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»

11 ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву. 12 Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю. 13 Ден цӀера дӀавигна, дуьнен чухула лела Дала со дӀахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».

14 ТӀаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахӀимна, цул сов цо цунна уьстагӀий а, бежанаш а, леш а белира. 15 «Хьажал гонах, хӀара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Ӏе», – элира цо ИбрахӀиме.

16 Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахӀимна цхьа эзар дато шекхал цӀе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дӀабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».

17 ИбрахӀима Деле доӀа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гӀарбашашна+ 20:17 *ГӀарбаш *– зуда-лай.* а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира. 18 ХӀунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цӀийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.

21

Исхьакх дуьнен чу валар

1 Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина. 2- 21:2 Ӏебархошка 11:11. ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. 3 Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима. 4- 21:4 Доладалар 17:12; Векалийн 7:8. Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара. 5 ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.

6 Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву». 7 Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, – аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».

ХӀажар а, ИсмаьӀал а эккхор

8 Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра. 9 Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара. 10- 21:10 Галатахошка 4:29, 30. Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»

11 ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш. 12- 21:12 Римхошка 9:7; Ӏебархошка 11:18. Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю, 13 амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».

14 Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг+ 21:14 *ПӀаьлдиг *– тӀаьрсиган тӀоьрмиг.* чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза. 15 Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара. 16 Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.

17 Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш. 18 Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».

19 Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.

20 КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира. 21 Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.

Беар-ШабаӀехь бина барт

22- 21:22 Доладалар 26:26. Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву. 23 Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».

24 ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».

25 ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла. 26 Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»

27 ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира. 28 Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо. 29 «ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» – аьлла, хаьттира Абу-Малика.

30 ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза». 31 Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела. 32 Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.

33 Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима. 34 ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.

22

ИбрахӀим зер

1- 22:1-13 Ӏебархошка 11:17-19. Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!»

ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».

2- 22:2 2 Шерашкахь 3:1. ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».

3 Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим. 4 КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. 5 ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву».

6 СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ. 7 Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!»

«ХӀун боху ахь, сан кӀант?» – хаьттира ИбрахӀима.

«Суна дечиг а, цӀе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?»

8 «Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», – элира ИбрахӀима.

КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ. 9- 22:9 Якъуба 2:21. Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо. 10 Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза. 11 Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!»

«Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахӀима.

12 Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».

13 ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо. 14 Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», – олий.

15 Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:

16- 22:16, 17 Ӏебархошка 6:13, 14. «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина, 17- 22:17 Ӏебархошка 11:12. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю. 18- 22:18 Векалийн 3:25. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».

19 ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.

Нахьиран кӀентий

20 И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду. 21 Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант – Къамуал, Араман да ву. 22 Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву». 23 Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву. 24 Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина – Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.

23

Сарат кхалхар

1 Сарат бӀе ткъе ворхӀ шарахь ехира дуьнен чохь. 2 Иза кхелхира КанаӀан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолчу (хӀинца Хьеврон олучу) гӀалахь. Сарат кхелхича, ИбрахӀима, четар чу а веана, белхар хӀоттийра.

3 Шен елла зуда Ӏад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза. 4- 23:4 Ӏебархошка 11:9, 13; Векалийн 7:16. «Со шуна юккъехь тӀевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дӀаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дӀаерзо», – элира цо цу нахе.

5 Хьетахоша жоп делира ИбрахӀиме: 6 «Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дӀайолла. Хьоьга цигахь зуда дӀайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».

7 ИбрахӀим, хьала а гӀаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьӀира. 8 Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дӀайолла суна гӀо дан лууш делахь, сан цӀарах ЦӀохьаран кӀантаца Ӏепронаца къамел дейша. 9 Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дӀайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».

10 Ӏепрон хьетахошна юкъахь хиина Ӏаш вара. ГӀалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахӀимна: 11 «ХӀан-хӀа, эла, хӀокху сайн вежаршна хьалха ас дӀало хьуна и латта а, цу тӀехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дӀайоллийтархьама».

12 Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим. 13 ТӀаккха, массарна а хезаш, цо Ӏепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дӀаэцахьара ахь, тӀаккха сайн зуда дӀаюллур яра ас».

14 Ӏепрона ИбрахӀимна жоп делира: 15 «ЛадогӀахь соьга, эла: диъ бӀе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хӀумма а йоцург ю! Хьайн елларг дӀайоллахь».

16 Ӏепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цӀе тоьхна мах дӀабелира ИбрахӀима. Цо делларг диъ бӀе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).

17 Иштта Ӏепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта. 18 ИбрахӀиман дола делира латта а, цу тӀера хьех а, дитташ а. ИбрахӀиман а, Ӏепронан а хиллачу механ тешаш хилира гӀалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.

19 Цул тӀаьхьа ИбрахӀима шен зуда Сарат оцу лаьтта тӀехь йолчу хьеха чохь дӀайоьллира. И меттиг КанаӀан-махкахь йолчу Мамарина (хӀинца Хьеврон) гена йоццуш яра. 20 ИбрахӀима хьетахошкара латта а, цу тӀера хьех а эцна, цунах нах дӀабухку меттиг йира.

24

Исхьакх а, Ребикха а

1 ИбрахӀим къанвеллера, дуккха а шераш дара цуьнан. Везачу Эло къобалвора иза массо а цуьнан гӀуллакхаш тӀехь. 2 ИбрахӀиман долахь долчунна тӀехь Ӏуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахӀима элира: «Сан кога кӀел куьг а диллий+ 24:2 *Кога кӀел куьг а диллий *– цу гӀиллакхехь ша дийр ду аьлларг дан дезара.*, 3 стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чӀагӀо е, КанаӀан-махкара цхьа а йоӀ сан кӀанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Ӏаш ду, амма канаӀанхо ма ялаяйталахь цуьнга. 4 Сан махка, сан гергарчу нахана тӀе а гӀой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».

5 Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кӀант хьо схьаваьллачу махка дӀавига везий ас?»

6 «ХӀан-хӀа! И дан мегар дац! – элира ИбрахӀима. – Ма вига сан кӀант цига. 7 Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цӀийнера, со винчу махкара кху лаьтта тӀе. ХӀара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чӀагӀо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кӀантана цигара йолу зуда харжийта. 8 Нагахь йоӀ хьуна тӀаьхьа схьаян реза ца хилахь, айхьа суна йинчу чӀагӀонах паргӀат ву хьо, амма сан кӀант цига дӀа ма вига».

9 Ялхочо, шен эла волчу ИбрахӀиман кога кӀел шен куьг а диллина, чӀагӀо йира тӀедиллинарг кхочушдан.

10 ИбрахӀиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгӀаташ а кечдина, Арам-НахӀарайм-махкахь йолчу Нахьир Ӏийначу гӀала вахара ялхо. 11 Суьйранна, зударий хи тӀе боьлхучу хенахь, гӀалина арахьа, шовданан йистехь эмкалш голаш тӀе охьайийшийра цо. 12 «Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахӀиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кӀантана зуда каро аьтто бехьа сан! 13 ХӀокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГӀалара мехкарий богӀу кхуза хи эца. 14 Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Ӏа со. Ас эр ду йоӀе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».

15 Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахӀиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кӀентан Бетаалан йоӀ Ребикха, белш тӀе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тӀе еача. 16 Иза, чӀогӀа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоӀстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза. 17 Цунна тӀе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», – аьлла.

18 Ребикхас, цу сохьта шен белша тӀера кхаба охьа а яьккхина, хи малийтира цуьнга: «Мала хьайна», – аьлла. 19 Иза хи мелла ваьлча, йоӀа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи». 20 Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дӀа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо. 21 Ялхо, вист а ца хуьлуш, хьоьжура цуьнга, шен доӀина Везачу Эло жоп а делла, ша арабаьккхина некъ кхочушхиллий хаа лууш.

22 Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чӀуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хӀоз а белира. 23 Юха цо йоӀе хаьттира: «Хьо хьенан ю? Хьан ден хӀусамехь тхуна буьйса яккха меттиг хир ярий?» – аьлла.

24 «Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас. 25 Юха тӀетуьйхира: «Хьан эмкалшна ча а ду тхоьгахь, шуна буьйса яккха меттиг а хир ю».

26 Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьӀира ялхо. 27 Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахӀиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоӀана тӀе».

28 Сихха дӀа а яхана, Ребикхас шен цӀахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна. 29 Ребикхин Лабан цӀе йолуш ваша вара. ЙоьӀан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чӀуг а, ши хӀоз а гина, араиккхина, шовда долчу дӀахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гӀу йолчохь лаьтташ вара.

31 Лабана элира: «Марша вогӀийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хӀунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина».

32 ИбрахӀиман ялхо цӀа чу велира. Лабана гӀо дира цунна эмкалш дӀаӀалашъеш, царна ча а, баа хӀоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо. 33 Цул тӀаьхьа Лабана царна яа хӀума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дӀадийццалц», – аьлла.

«Дийцахьа», – элира Лабана.

34 «Со ИбрахӀиман ялхо ву, – элира ялхочо. – 35 Везачу Эло массо а хӀуманна тӀехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дӀахӀоьттина. Везачу Эло ИбрахӀимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гӀарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. 36 Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кӀант вира. Шен долахь мел дерг оцу кӀантана дӀаделла сан эло. 37 Цо соьга чӀагӀо яйтира: „Сан кӀанте канаӀанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаӀанхочун йоӀ яло, вай царна юккъехь Ӏаш делахь а. 38 ЧӀагӀо е суна, сан ден махка, сан доьзална тӀе а вахана, сан кӀантана айхьа зуда хоржур ю алий“.

39 Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, – аьлла.

40 Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тӀаккха сан кӀантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна. 41 Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кӀантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чӀагӀонах паргӀат а хир ву хьо“.

42 Тахана цу шовданна тӀе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахӀиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. 43 Со, шовданна улло а хӀоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоӀ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, – аьлла. 44 Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, – аьлла, жоп делла йоӀ Везачу Эло сан элан кӀантана хаьржина зуда хилийталахь“.

45 Со доӀа дина валале шовданна тӀе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тӀехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира. 46 Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“.

Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи. 47 Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“

Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со“.

ТӀаккха ас цунна мерах чӀуг а оьллира, пхьаьрсаш тӀе ши хӀоз а боьллира. 48 Юха, корта охьа а таӀийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахӀиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кӀентан йоӀ сан элан кӀантана ялорхьама.

49 Ткъа хӀинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоӀ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама».

50 ТӀаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гӀуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хӀун эр ду цунна дуьхьал? 51 ХӀара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дӀайига. Хьан элан кӀанте маре гӀор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара».

52 И дешнаш хезча, ИбрахӀиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьӀира. 53 Цо Ребикхина ша деана совгӀаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хӀуманаш дӀаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгӀаташ делира. 54 Цул тӀаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Ӏийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира.

ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, цара элира: «ХӀинца тхайн эла волчу дӀадаха деза тхо».

55 Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тӀаккха дӀагӀор шу».

56 Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дӀавахийтийша со».

57 Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хӀун лаьа хоттур вай».

58 Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хӀокху стагаца хӀинцца дӀаяха лаьий?»

«ХӀаъ, лаьа», – аьлла, жоп делира цо.

59 Цара ИбрахӀиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дӀаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара. 60 Ребикха дӀайоьдуш цуьнга элира:

«Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тӀаьхьенаша шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохийла!»

61 Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тӀе а хевшина, ИбрахӀиман ялхочунна тӀаьхьа дӀабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо.

62 Цу хенахь Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттера дӀа а вахана, НегӀабехь Ӏаш вара Исхьакх. 63 Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогӀу эмкалш гира. 64 ДӀахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тӀера чуиккхира Ребикха. 65 Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогӀу жима стаг мила ву?»

«Иза сан элан кӀант ву», – жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира.

66 Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира. 67 Исхьакха шен ненан четар кӀел дӀайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чӀогӀа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.

25

ИбрахӀим кхалхар

(1 Шерашкахь 1:32, 33)

1 ИбрахӀима шолгӀа а зуда ялийра. Цу зудчун цӀе Къитурат яра. 2 Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а. 3 Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а. 4 Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа цӀераш а йолуш, кӀентий бара Маданин. И берриге а кӀентий ИбрахӀимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.

5 Шен долахь дерг дерриге а ИбрахӀима Исхьакхана дитира. 6 Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.

7 ИбрахӀим бӀе кхузткъе пхийтта шарахь вехира. 8 Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тӀаьхьа шен дайх дӀакхийтира иза. 9 КӀенташа Исхьакха а, ИсмаьӀала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цӀе йолчу хьеха чохь, ЦӀохьаран кӀентан, хьетахо волчу Ӏепронан, лаьтта тӀехь дӀавоьллира иза. 10- 25:10 Доладалар 23:3-16. ИбрахӀима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дӀавоьллира ИбрахӀим. 11 ИбрахӀим кхелхинчул тӀаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттехь Ӏаш вара Исхьакх.

ИсмаьӀалан кӀентий

(1 Шерашкахь 1:28-31)

12 Саратан ялхочо, мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна винчу кӀентан ИсмаьӀалан тӀаьхье хӀара ю. 13 Иштта ю церан цӀераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тӀаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, 14 МишмаӀ, Дума, Маси, 15 Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. 16 Уьш ИсмаьӀалан кӀентийн цӀераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цӀераш а ю уьш. 17 Цхьа бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьӀал шен дайх дӀакхийтира. 18 Цуьнан тӀаьхьенаш Хьавил-лаьтта тӀера Шур-гӀалина тӀекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гӀала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.

Якъуб а, Ӏесав а

19 ХӀара ду Исхьакхан тӀаьхьенах хилларг. ИбрахӀиман кӀант вара Исхьакх. 20 Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цӀе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоӀ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. 21 Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доӀина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. 22 Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доӀа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХӀара хӀун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла.

23- 25:23 Римхошка 9:12. Везачу Эло жоп делира цунна:

«Ши тукхам ду хьан кийрахь,

ши халкъ схьадер ду хьох,

амма и шиъ декъалур ду.

Цхьаъ вукхул онда хир ду,

воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву».

24 Хан тӀекхаьчча, Ребикхас шала ши кӀант вира. 25 Дуьххьарлераниг цӀиэн вара, дерриг а дегӀа тӀехь чоьш а долуш. Цуьнан цӀе Ӏесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). 26 ШолгӀаниг дуьнен чу волуш, Ӏесаван кӀажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цӀе Якъуб тиллира (и ду «КӀажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.

27 КӀентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Ӏесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьӀна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кӀелахь йоккхура цо. 28 Исхьакхана Ӏесав дукха везара, хӀунда аьлча Ӏесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара. 29 Цкъа кӀадвелла, мацалла гӀора а доцуш, талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. 30 Ӏесава элира Якъубе: «Со мацалла гӀелвелла ву, и цӀен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Ӏесавах «Эдом», ткъа иза «цӀениг» бохург ду.)

31 Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».

32 «Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хӀун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Ӏесава.

33- 25:33 Ӏебархошка 12:16. Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа».

Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Ӏесава. 34 ТӀаккха Якъуба Ӏесавана кхоьх йина яа хӀума а, бепиг а делира. Ӏесав, яа а йиъна, мала а мелла, дӀавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаелира цо.

26

Исхьакх а, Абу-Малик а

1 ИбрахӀим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хӀоьттира цу махкахь. Исхьакх ГӀарар-гӀала пӀелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тӀе вахара.

2 Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гӀо, Ас хьайга Ӏе аьллачу лаьтта тӀехь Ӏе. 3- 26:3, 4 Доладалар 22:16-18. Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю. 4 Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. 5 Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахӀиман дуьхьа, хӀунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».

6 Исхьакх ГӀарар-гӀалахь ваха хиира. 7- 26:7 Доладалар 12:13; 20:2. Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх. 8 Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Ӏаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.

9 Исхьакх тӀе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хӀунда аьлла ахь?»

Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».

10 «И хӀун ду ахь тхуна динарг? – хаьттира Абу-Малика. – Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь». 11 Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХӀокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Ӏоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», – аьлла.

12 Исхьакха, цу лаьтта тӀехь къа а хьегна, дӀадийначул бӀозза сов ялта гулдира цу шарахь, хӀунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза. 13 Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тӀаьхь-тӀаьхьа алсамболуш, иза чӀогӀа вехаш стаг хилира. 14 Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пӀелаштамхой хьоьгура цунах. 15 Хьалха ИбрахӀима шен ялхошца яьхна ерриг а гӀунаш, тӀе латта а хьоькхуш, дӀаюкъура цара.

16 Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дӀагӀо, хӀунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дӀахӀоьттина хьо». 17 Цигара дӀа а вахана, ГӀарар-гӀала лаьттачу тогӀи чохь шен четарш а хӀиттийна, ваха хиира Исхьакх. 18 Дуккха а шераш хьалха ИбрахӀима алссам гӀунаш яьхнера, амма иза веллачул тӀаьхьа пӀелаштамхоша дӀаюькънера уьш, тӀе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цӀераш техкира царна. 19 Исхьакхан ялхоша тогӀи чохь а яьккхира гӀу, цу чуьра арадолуш жима татол дара. 20 Амма ГӀарар-арахь даьхни дажочу Ӏуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХӀара хи тхан ду», – аьлла. Цундела Исхьакха Ӏейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цу гӀунах, хӀунда аьлча цара къийсинера цу меттехь. 21 Цул тӀаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гӀу яьккхира, амма оццу Ӏуша цунна тӀехула а къовсам баьккхира. ТӀаккха Исхьакха цу гӀунан цӀе Ситна (иза «мостагӀалла» бохург ду) тиллира. 22 Цигара дӀа а вахана, кхин цхьа гӀу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргӀат» бохург ду) аьлла, цӀе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргӀато елла, цундела вай цу лаьтта тӀехь дебар ду».

23 ТӀаккха цигара а Беар-ШабаӀе дӀавахара Исхьакх. 24 Цу буссехь дуьхьал хӀоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахӀиман Дела ву. Цхьана а хӀуманах ма кхера, хӀунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тӀаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахӀиман дуьхьа дийр ду Ас иза».

25 Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хӀиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гӀу яьккхира.

26- 26:26 Доладалар 21:22. ТӀаккха Исхьакх волчу ГӀарар-гӀалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тӀеман хьаькам Пихал а валош. 27 «Шу хӀунда даьхкина? – аьлла, хаьттира Исхьакха. – Хьалха-м мостагӀалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»

28 «ХӀинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, – элира цара. – Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза, 29 тхуна вон болх бийр бац аьлла, хӀунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дӀахийцира. ХӀинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».

30 Исхьакха той а хӀоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира. 31 Ткъа Ӏуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тӀаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дӀабахара.

32 Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гӀуна чохь хи карийна шайна аьлла. 33 Исхьакха цу гӀунан цӀе ШабаӀ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гӀалех хӀинца а олу Беар-ШабаӀ.

Ӏесаван зударий

34 Шен шовзткъа шо кхаьчча, Ӏесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоӀ ЯхӀудит а, Эйлонан йоӀ Басамат а. 35 Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тӀехь сингаттам латтабора.

27

Якъуба Исхьакхе ша декъалвойту

1 Исхьакх къанвеллера, цуьнан бӀаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кӀант Ӏесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КӀант!»

«ХӀун боху ахь?» – жоп делира Ӏесава.

2 Исхьакха элира: «Со къена ву, кестта вала мега. 3 Хьайн секхаӀад а, пхерчий а схьа а эций, ара а валий, суна экхан жижиг да. 4 Суна дукхаеза яа хӀума а кечъяй, соьга яийта, тӀаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».

5 Ребикхина хезира Исхьакха шен кӀанте Ӏесаве дина къамел. Ӏесав талла вахара. 6 Ребикхас элира шен кӀанте Якъубе: «Суна хезира, хьан дас Ӏесаве къамел деш. 7 Цо элира цуьнга: „Экхан жижиг а дай, суна яа хӀума кечъе, иза йиинчул тӀаьхьа Везачу Элана хьалха ас декъалвийр ву хьо, со валале“. 8 ХӀинца, сан кӀант, ла а догӀий, ас бохург де: 9 вай гезарий лелочу метте а гӀой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хӀума кечйийр ю. 10 Ахь иза хьайн дена дӀахьур ю, тӀаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале».

11 Амма Якъуба элира Ребикхе: «Сан ваша Ӏесав дегӀа тӀехь чо болуш ву, ткъа со вац. 12 Нагахь дас сох куьг Ӏоттахь, цунна хуур ду со Ӏесав воций, тӀаккха декъалваран меттана аса сайна неӀалт кхайкхадойтур ду иза леван гӀортарна».

13 Ребикхас цуьнга элира: «Нагахь иштта хилахь, ас неӀалт сайна тӀеоьцур ду. Ас хьайга ма-бохху де, вало, схьая буьхьигаш».

14 Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хӀума кечйира. 15 Шен воккхаха волчу кӀанта Ӏесава лелош долу, цӀа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тӀедохийтира нанас. 16 Юха буьхьигийн кхекхий Якъубан куьйгех а, логах а дӀахьарчийра цо. 17 Цул тӀаьхьа ша кечйина яа хӀума а, бепиг а Якъубе дӀаделира цо.

18 Да волчу а вахана, Якъуба элира: «Дада».

Дас хаьттира: «Хьо Ӏесав вуй?»

19 «Ву со Ӏесав, хьан дуьххьарлераниг, – жоп делира Якъуба. – Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гӀаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тӀаьхьа со декъал а вехьа».

20 Амма Исхьакха хаьттира кӀанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?»

Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гӀо дира суна иза каро».

21 ТӀаккха Исхьакха элира Якъубе: «Схьавола суна тӀе, ас куьг Ӏуттур ду хьох, сан кӀант, хьо Ӏесав вуй хьажа». 22 Якъуб цунна тӀевахара, вукхо, цунах куьйгаш а хьаькхна, элира: «Якъубан санна, аз ду хьан, амма куьйгаш тӀехь, Ӏесаван санна, чоьш ду». 23 Исхьакхана Якъуб ца вевзира, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаш, Ӏесаван санна, тӀехь чоьш долуш дара. Цо Якъуб декъалвира. 24 Юха цо хаьттира: «Сан кӀант Ӏесав вуй хьо?»

«Ву», – аьлла, жоп делира Якъуба.

25 ТӀаккха Исхьакха элира: «Суна экхан жижиг да, иза диинчул тӀаьхьа ас декъалвийр ву хьо».

Якъуба цунна яа хӀума а, чагӀар а делира. Исхьакха хӀума а йиира, чагӀар а мелира.

26 Исхьакха элира Якъубе: «КӀант, схьа тӀе а волий, барт баккха суна».

27- 27:27-29 Ӏебархошка 11:20. Якъуба, тӀе а веана, барт баьккхира дена. Ӏесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза:

«Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю

сан кӀантах йогӀу хьожа.

28 Везачу Эло кхачам боллуш догӀанаш дохкуьйтийла

хьан латта токхе хилийта,

хьуна алссам ялта а, керла чагӀар а хилийта.

29- 27:29 Доладалар 12:3. Хьуна гӀуллакх деш къаьмнаш хуьлийла,

хьуна муьтӀахь халкъаш хуьлийла!

Хьо хьайн вежаршна тӀехь олалла деш хир ву,

уьш хьуна хьалха охьатаьӀна хир бу.

Хьуна неӀалт кхайкхош верг неӀалт хилла хир ву,

хьо декъалвеш верг декъала хир ву».

30 Исхьакха декъал а вина, Якъуб дӀавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цӀа веара Ӏесав. 31 Шен дена дукхаезаш йолу яа хӀума а кечйина, схьавеанчу Ӏесава элира: «Дада, хӀара со ву, хьан кӀант. Хьала а гӀаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тӀаьхьа со декъалвийр ву ахь».

32 Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?»

«Со хьан дуьххьарлера кӀант, Ӏесав ву», – аьлла, жоп делира Ӏесава.

33 Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хӀума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хӀума а йиъна, декъалвира иза, хӀинца иза декъалвина ву».

34 Ден дешнаш хезна, оьгӀаз а вахана, гӀаддайначу Ӏесаван мохь белира: «ТӀаккха со а вехьа декъал, дада!»

35 «Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догӀу декъалвар дӀа а эцна!» – элира Исхьакха. 36- 27:36 Доладалар 25:29-34. «Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! – элира Ӏесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дӀаийци, ткъа хӀинца декъалвар а дӀадаьккхи». Юха дега хаьттира Ӏесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?»

37 «Дукха тӀаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тӀехь олалла дӀаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагӀар а. Сан кӀант, хьуна дала хӀумма а дац сан!»

38- 27:38 Ӏебархошка 12:17. Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Ӏесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!»

39- 27:39, 40 Ӏебархошка 11:20. ТӀаккха элира цуьнга Исхьакха:

«Токхе лаьтта тӀехь вехар вац хьо,

тоъал догӀанаш а хир дац хьуна,

40- 27:40 Доладалар 36:8. хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан.

Хьайн вешин ялхо хир ву хьо,

амма цунна дуьхьал а гӀаьттина,

цуьнан олаллин кӀелхьара вер ву хьо».

Якъуб Лабан волчу вадар

41 Ӏесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тӀаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву».

42 Якъуб вер Ӏесавана дагадеана хилар Ребикхе хаийтира. Цо, Якъубе схьа а кхайкхина, элира: «Хьан ваша Ӏесав ву хьо вен дагадеана. 43 Сан кӀант, ахь ас ма-бохху дан деза: сан ваша Лабан ву ХӀаран-гӀалахь Ӏаш, сиха иза волчу дӀагӀо. 44 Цигахь Ӏе цкъачунна, хьайн ваша оьгӀазваханчуьра ваставаллалц. 45 Хьан вешина ахь цунна динарг дицделча, ас хьуна тӀаьхьа ялхо воуьйтур ву. Со хӀунда йолуш ю цхьана дийнахь шу шиннех а?»

46 Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!»

28

1 Якъуб шена тӀе а кхайкхина, иза декъалвинчул тӀаьхьа цунна тӀедожийра Исхьакха:

«КанаӀанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. 2 Кхузара дӀа а гӀой, Падан-Арам олучу метте гӀо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цӀийне. Цигахь Ӏаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоӀ ялае. 3 Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. 4- 28:4 Доладалар 17:4-8. Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахӀим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахӀимна делла, хьо хӀинца тӀевеана стаг а хилла Ӏаш волу латта хьан дола долийла».

5 Исхьакха Падан-Араме дӀахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Ӏесаван а нана яра. 6 Ӏесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаӀанхо ма ялае аьлла, тӀедожинийла а. 7 Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дӀаваханийла а хиира Ӏесавана. 8 ТӀаккха кхийтира Ӏесав, шайн дена канаӀанхойн зударий ца безийла. 9 Ӏесаван ши зуда яра, амма ИбрахӀиман кӀант ИсмаьӀал волчу а вахана, цуьнан йоӀ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.

Бетал-гӀалахь Якъубана гина гӀан

10 Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара. 11 Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза. 12- 28:12 Яхьъя 1:51. ГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. 13- 28:13 Доладалар 13:14, 15. Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас. 14- 28:14 Доладалар 12:3; 22:18. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду. 15 Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».

16 Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». 17 Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! – элира цо, – ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».

18 Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба. 19 Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду).

20 Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, 21 нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. 22 Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».

29

Якъуб Падан-Араме вогӀу

1 Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. 2 Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара. 3 Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура. 4 Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?»

«ХӀаранера ду», – элира цара.

5 «Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» – аьлла, хаьттира Якъуба.

«Вевза», – жоп делира Ӏуша.

6 «Муха Ӏаш ву иза?» – хаьттира Якъуба.

«Дика Ӏаш ву, – жоп делира Ӏуша. – Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош».

7 Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш».

8 Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха».

9 Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу. 10 Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба. 11 Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза. 12 Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна. 13 Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а. 14 «Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе.

Якъуба Леа а, Рахьал а ялайо

Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб. 15 Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?»

16 Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а. 17 Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра. 18 Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь».

19 «Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», – элира Лабана. 20 Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан. 21 ВорхӀ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан».

22 Цигахь Ӏаш болу нах схьа а кхайкхина, той хӀоттийра Лабана. 23 Цу буссехь Якъуб волчу шен йоӀ Леа йигира цо. Якъуб Леица дӀавижира. 24 Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гӀуллакх дайта. 25 Ӏуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХӀара хӀун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хӀунда ви ахьа?»

26 Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьӀан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха. 27 Амма ловзаран кӀира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дӀалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхӀ шарахь суна болх бан беза ахьа».

28 Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Ӏадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоӀ Рахьал дӀаелира цунна. 29 Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гӀуллакх дан. 30 Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чӀогӀа езаелира цунна. Кхин а ворхӀ шарахь а Лабанна болх бира цо.

Якъубан кӀентий

31 Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. 32 Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». 33 Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла». 34 Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна». 35 Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.

30

1 Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»

2 Якъуба элира, Рахьална оьгӀаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»

3 ТӀаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дӀавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».

4 Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дӀавижира. 5 Доьзалхочух а хилла, Якъубана кӀант вира Балхьата. 6 «Сан доӀанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кӀант велла». Цо кӀентан цӀе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). 7 Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгӀа кӀант вира Якъубана. 8 «Дала бахьана а хӀоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кӀентан цӀе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).

9 Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта. 10 Леин ялхочо Залпаа Якъубана кӀант вира. 11 «Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кӀентан цӀе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира. 12 Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кӀант а вира. 13 Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХӀинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кӀентан цӀе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).

14 КӀа хьокхучу хенахь арахула вогӀучу Раабанна дудаъ+ 30:14 *Дудаъ *– дийцарехь, цу орамаша зударшна бер хилийта гӀо дора.* цӀе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кӀанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».

15 «Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хӀинца сан кӀанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?»

Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кӀанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дӀайижа мегар ду хьуна», – аьлла.

16 Сарахь Якъуб арара цӀа вогӀуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дӀавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кӀентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дӀавижира. 17 ТӀаккха Леин доӀанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгӀа кӀант вира. 18 Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду). 19 Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгӀа кӀант вира Леас. 20 «Дала тамашийна похӀма делла суна, – бохура Леас. – ХӀинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хӀунда аьлча ас ялх кӀант вина цунна». Цо кӀентан цӀе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). 21 Цул тӀаьхьа Леас йоӀ йира, цуьнан цӀе цо Дина тиллира.

22 Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доӀина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. 23 Доьзалхочух а хилла, кӀант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хӀара эхь дӀадаьккхи суна тӀера». 24 Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», – бохура цо.

Якъубан даьхни алсамдолу

25 Юсуп винчул тӀаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДӀавахийтахь со, сайн махка гӀур вара со. 26 Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тӀаккха со дӀагӀур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гӀуллакх дика дина».

27 «Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, – жоп делира цунна Лабана. – Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар. 28 Алахьа соьга хьайн мах, ас дӀалур бу хьуна».

29 Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Ӏалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла. 30 Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хӀинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХӀинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цӀийнан гӀуллакх ца дича волий со?»

31 «ХӀун ло ас хьуна?» – хаьттира Лабана.

Амма Якъуба элира: «Суна хӀумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидӀа а хьайн уьстагӀий дажадайта. 32 Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагӀий схьаэца, ткъа иштта массо а Ӏаьржа Ӏахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу. 33 ТӀейогӀучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагӀаш доцу бож хилахь я Ӏаьржа боцу Ӏахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».

34 Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».

35 Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Ӏаьржа Ӏахарий а дӀа а лачкъийна, шен кӀенташка уьш ларде элира. 36 Кхаа дийнахь новкъа дӀа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дӀалаьллира кӀенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира. 37 ТӀаккха Якъуба, толлан а, бӀаран а, хьехан а дитташ тӀера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тӀера чкъор дӀадаьккхира. Гаьннаш тӀехь кӀайн махарчий йисира. 38 Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара. 39 Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагӀаш долу а дохкана лора. 40 И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Ӏаьржа а даьхни долчу дӀадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дӀа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба. 41 ХӀоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин. 42 Ткъа даьхни гӀийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГӀийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.

43 ЧӀогӀа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гӀарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.

31

Якъуб Лабан волчуьра воду

1 Якъубана хезира Лабанан кӀенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дӀа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».

2 Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар. 3 Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тӀе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».

4 Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла. 5 Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву. 6 Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла, 7 амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Ӏалашвора со цо лелочу вочу хӀуманех. 8 Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура. 9 Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.

10 Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гӀан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а яра. 11 Делан малико элира соьга гӀенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла. 12 Цо элира: „ДӀахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а ю, хӀунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк. 13- 31:13 Доладалар 28:18-22. Со Беталахь хьуна дуьхьал хӀоьттина волу Дела ву, ахьа тӀулга тӀе даьтта а доьттина, Суна чӀагӀо йинчу меттигехь. ХӀара латта Ӏадда а дитий, хьо винчу махка сиха дӀагӀо“».

14 Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй? 15 Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза. 16 Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».

17 Бераш а, зударий а эмкалш тӀе а ховшийна, 18 дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.

19 Лабан уьстагӀий ларга вахача, Рахьала цуьнан цӀахь болу цӀуш лачкъийра. 20 Якъуба левира арамхо Лабан, ша дӀавоьдий а ца хаийтина. 21 Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалӀад-лам болчухьа дӀавахара иза.

Лабан Якъубана тӀаьхьаволу

22 КхозлагӀчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла. 23 Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тӀаьхьавелира иза. ВорхӀ де даьлча, ГалӀад-лома тӀехь иза цунна тӀекхечира. 24 ГӀенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь». 25 Лабан Якъубана тӀаьхьакхиира. ГалӀад-ломахь шен четарш дӀахӀиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца. 26 Лабана элира Якъубе: «И хӀун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоӀарий, йийсархой санна, дӀа ма биги ахь. 27 Хьо хӀунда ведда къайлаха? Соьга хӀунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо. 28 ДӀасакъаьсташ, йоӀаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хӀума. 29 Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“. 30 Хьо хьайн ден цӀа кхача сихвелла дела дӀавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цӀуш хӀунда лачкъийна ахь?»

31 Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хӀунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоӀарий сайгара дӀабахарна. 32 Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цӀуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хӀума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дӀаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цӀуш лачкъийнийла. 33 Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кӀелахь Лабанна хӀумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кӀел веара иза. 34 Рахьал, цӀуш эмкалан нуьйра кӀел дӀа а лачкъийна, царна тӀе хиънера. Четар кӀелахь леррина лехча, хӀумма а ца карийра Лабанна. 35 Рахьала элира шен дега: «ОьгӀаз ма гӀолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гӀаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чӀогӀа лехарх Лабанна ца карийра цӀуш. 36 ОьгӀазвахана волу Якъуб Лабанна тӀевирзира: «ХӀун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тӀаьхьавала сан хӀун бехк бу? 37 Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хӀумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо. 38 Ткъа шарахь хьо волчохь Ӏийна со. Цу хенахь хьан уьстагӀий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас. 39 Акхароша цистина даьхни хьуна тӀе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тӀера мах токхуьйтура. 40 Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со. 41 Иштта ткъа шарахь Ӏийна со хьан хӀусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоӀах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира. 42 Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».

Якъубана а, Лабанна а юкъахь хилла барт

43 Лабана Якъубана жоп делира: «ХӀара зударий сан йоӀарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хӀун дийр ду ас сайн йоӀаршна а, цара динчу берашна а? 44 Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дӀахӀуттур бу».

45 Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тӀулг дӀахӀоттийра Якъуба. 46 Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТӀулгаш гулде». Цара, тӀулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хӀума яа охьахевшира уьш. 47 Лабана цу меттиган цӀе ЕгӀар-СахӀадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалӀад элира. 48 Лабана элира: «ХӀара тӀулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалӀад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду). 49 «Вай барт бинчул тӀаьхьа дӀасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тӀехь», – элира Лабана. Иштта цу меттигах МицӀпа аьлла, цӀе тиллира цо (иза «терго» бохург ду). 50 «Нагахь санна хьо сан йоӀаршца вон хилахь я ахь царна тӀе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь». 51 Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХӀара тӀулгийн оьла а, хӀара боккха тӀулг а бу ас вайшинна юкъахь хӀоттийна. 52 И тӀулгийн оьла а, и боккха тӀулг а тоьшалла ду со оцу тӀулгел дехьа – хьан агӀор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тӀулгел сехьа суна зен дан. 53 ИбрахӀиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна».

Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чӀагӀо йира Якъуба. 54 Цу лам тӀехь сагӀа а даьккхина, массо а гергара стаг хӀума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара. 55 Ӏуьйранна хьалххе йоӀарийн берашна а, йоӀаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цӀа вахара Лабан.

32

Якъуб Ӏесавана дуьхьал воьду

1 Шен некъ кхидӀа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира. 2 Уьш гича, Якъуба элира: «ХӀара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цӀе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).

3 СеӀир цӀе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Ӏаш волчу шен веше Ӏесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. 4 Цо элира цаьрга: «Сан эле Ӏесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хӀара де тӀекхаччалц Ӏийна. 5 Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а, ялхой а, гӀарбашаш а бу. ХӀара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».

6 Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Ӏесав волчохь хилира тхо, иза хӀинца хьуна дуьхьал вогӀуш ву, шеца виъ бӀе стаг а валош».

7 Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира. 8 Цо ойла йира: «Нагахь Ӏесав цхьана тобанна тӀелатахь, важа, кӀелхьара а яьлла, дийна юьсур ю». 9 Якъуба элира: «Сан деден ИбрахӀиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тӀе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“. 10 Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гӀаж бен хӀумма а яцара, ткъа хӀинца сан шина тобане бекъна бахам бу. 11 Доьху Хьоьга, сан вешех Ӏесавах со ларвехьа, хӀунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тӀелатарх. 12- 32:12 Доладалар 22:17. Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хӀордан гӀум санна, ягар ца яллал тӀаьхье а кхиор ю“».

13 Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Ӏесавана совгӀат а кечдира цо: 14 ши бӀе газа а, ткъа бож а, ши бӀе уьстагӀ а, ткъа ка а, 15 ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугӀа а, ткъа виркхел а, итт вир а. 16 И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дӀа а делла, цо элира: «Сол хьалха дӀагӀо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш». 17 Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Ӏесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХӀара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“, 18 ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгӀатана доуьйтуш ду хӀара, иза ша а ву тхуна тӀаьххье схьавогӀуш“».

19 Иштта шолгӀачу ялхочунна а, кхозлагӀчунна а, даьхнина тӀаьхьа богӀучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Ӏесаве, иза шайна дуьхьалкхетча. 20 Кхин тӀе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тӀаьхьа вогӀуш ву“, – алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кӀаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хӀара совгӀаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тӀеэца мега». 21 Иштта совгӀаташ хьалха дӀа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Ӏийра Якъуб.

Якъуб Делах латар

22 Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кӀант а эцна, Ябокх цӀе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб. 23 Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо. 24- 32:24-26 ХӀушаӀ 12:3, 4. Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах. 25 Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чӀогӀа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира. 26 Юха цо элира: «ДӀахеца со, арахь серлайолуш ю».

Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дӀахоьцур вац».

27 Стага хаьттира: «Хьан цӀе хӀун ю?»

«Якъуб», элира Якъуба.

28- 32:28 Доладалар 35:10. ТӀаккха стага элира: «ХӀинца дуьйна хьан цӀе Якъуб хир яц, Исраил+ 32:28 *Исраил *– иза «Делах латар» бохучух тера ду.* хир ю, хӀунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кӀел ца висира».

29- 32:29 Куьйгалхой 13:17, 18. Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цӀе йийцахь суна».

Амма стага хаьттира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира. 30 Якъуба цу меттиган цӀе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».

31 Малх цунна тӀехула хьалагӀаьттира, иза, астагӀа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш. 32 Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хӀунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.

33

Якъуббий, Ӏесаввий вовшахкхетар

1 ДӀахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бӀе стаг а валош, вогӀу Ӏесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дӀасадийкъира Якъуба. 2 Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хӀиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тӀехьа хӀиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тӀехьа даьккхира. 3 Хьалхаваьлла дӀа а волавелла, шен вешина тӀекхочуш, ворхӀазза лаьтта тӀекхаччалц охьатаьӀира иза. 4 Амма Ӏесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хӀоьттира. И шиъ вилхира. 5 Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?»

Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».

6 Ялхой, шайн берашца тӀебаьхкина, охьатаьӀира Ӏесавана хьалха. 7 Юха Леа а, цуьнан бераш а тӀедаьхкина охьатаьӀира. Массарал тӀаьхьа тӀедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьӀира. 8 Ӏесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хӀунда даийтира ахь?»

«Хьо резаван лаьара суна, сан эла», – аьлла, жоп делира Якъуба. 9 Ӏесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».

10 «ХӀан-хӀа, ас доьху хьоьга! – элира Якъуба. – Нагахь хьо суна резавелахь, дӀаэцахьа соьгара совгӀат. Хьан юьхь гар – Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тӀеийци ахь. 11 Доьху хьоьга, дӀаэца соьгара и совгӀаташ, хӀунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду».

Якъуба чӀогӀа дехарна Ӏесава схьаийцира цуьнан совгӀаташ. 12 Юха Ӏесава элира: «ХӀинца дӀагӀур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».

13 Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гӀелделла хилар, цул сов, уьстагӀий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хӀаллакьхир ду. 14 Хьо хьалха дӀагӀо, со хьуна тӀаьххье дӀавогӀур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТӀаккха сан эла волчу, СеӀир-махка, кхочур ву со».

15 Ӏесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита».

«Иза оьшуш дац, – элира Якъуба. – Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».

16 Ӏесав оццу дийнахь СеӀир-махка юхавахара, 17 ткъа Якъуб Сакхат цӀе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Ӏан цӀа а, бежанашна кӀел хӀитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.

18 Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаӀан-махкарчу Шехем-гӀала схьакхечира Якъуб. ГӀалина хьалха арахь сецира иза. 19- 33:19 Яхьъя 4:5. БӀе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тӀехь шен четар дӀахӀоттийра цо. 20 Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цӀе йолу Исраилан Дела аьлла, цӀе тиллира цо.

34

Якъубан йоӀ Дина а, Шехем-гӀалара бахархой а

1 Якъубана Леас йина йоӀ Дина яхара меттигера зударий болчу. 2 Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ. 3 Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо. 4 Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоӀ суна ялаехьа».

5 Якъубана хиира шен йоӀ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кӀентий даьхни дажош арахь бара, цундела хӀумма а ца олуш Ӏара иза уьш цӀа бахккалц. 6 Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан. 7 Хилларг шайна хиъча, Якъубан кӀентий сихха арара цӀа баьхкира. Уьш чӀогӀа оьгӀазбахана бара, хӀунда аьлча Исраилан тӀаьхьенна юкъахь чӀогӀа эхье гӀуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоӀ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. 8 Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоӀ езаелла сан кӀантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш. 9 Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоӀарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига. 10 Тхуна юккъехь даха ховша – латта шуна хьалха ду. Цу тӀехь Ӏан а Ӏе, мах а бе, хьал а гулде».

11 Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хӀуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна. 12 Нускалх муьлхха а там а, совгӀаташ а деха, ас дӀалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана».

13 Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кӀентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван. 14 Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна. 15 Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хӀума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь. 16 ТӀаккха оха шуьга тхайн йоӀарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Ӏийр ду тхо. 17 Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дӀагӀур ду».

18 Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а. 19 Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хӀунда аьлча Якъубан йоӀ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хӀусамехь уггар лоруш верг вара.

20 Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гӀалин кевне а веана, нахе вистхилира. 21 «И нах вайца дика бу, – элира цара. – Вайн лаьтта тӀехь Ӏойла уьш, мах а беш – кху лаьтта тӀехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоӀарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу. 22 Цхьа халкъ а хилла, вайца Ӏан реза бу уьш, цхьа хӀума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь. 23 Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тӀаккха? Резахила деза вай, тӀаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу».

24 ГӀалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кӀанта Шехема а бохучунна резахилира. ГӀалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира. 25 КхозлагӀчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Ӏохкучу хенахь, гӀалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кӀант – ШимӀа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гӀалина тӀелетира. Цара массо а божарий хӀаллакбира. 26 Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кӀант Шехем а вийна, церан цӀа чуьра Дина схьа а эцна, дӀабахара уьш. 27 Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кӀенташа гӀали чуьра хӀума дӀадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела. 28 Цара жаш а, бажа а, варраш а дӀадигира, гӀалахь а, арахь а дерг дӀадаьхьира. 29 ГӀалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цӀенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кӀенташа.

30 ТӀаккха Якъуба элира ШимӀе а, Левига а: «Аш суна тӀе бохам баийтина, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошна а, перезахошна а со бӀаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тӀелатахь, цара со а, вай массо а хӀаллаквийр ву».

31 Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?»

35

Якъуб Бетала юхавогӀу

1- 35:1 Доладалар 28:11-17. Дала элира Якъубе: «Бетал цӀе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Ӏесавах хьо ведда вогӀучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе цигахь».

2 Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДӀакхийса шайгахь болу хийра цӀуш, цӀан а лой, тӀера бедар а хийца. 3 Цул тӀаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гӀур ду. Халачу дийнахь сан доӀина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».

4 Шайгахь болу хийра цӀуш а, лергара чӀагарш а Якъубе дӀаелира цара. Цо уьш Шехем-гӀали уллохь ножан дитта кӀел лаьттах дӀайоьхкира.

5 Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гӀаланашкарчу нахана тӀе, цундела зуламна Якъубан берашна тӀаьхьа цхьа а ца велира. 6 Якъуб а, цуьнца берш а КанаӀан-махкахь йолчу Луз цӀе йолчу меттиге (хӀинца Бетал) баьхкира. 7 Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира, хӀунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хӀара шен вешех ведда воьдучу хенахь. 8 Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кӀел дӀайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).

9 Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза. 10- 35:10 Доладалар 32:28. Дала элира цуьнга:

«Хьан цӀе Якъуб ю,

амма хӀинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац:

хьан цӀе Исраил хир ю».

Иштта Дала цуьнан цӀе Исраил тиллира. 11- 35:11, 12 Доладалар 17:4-8. Дала элира:

«Со Нуьцкъала Дела ву.

Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба.

Халкъ а, халкъийн доьзал а,

паччахьаш а схьабевр бу хьох.

12 ИбрахӀимна а, Исхьакхана а делла латта

хьуна дӀало Ас,

хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас иза».

13 ТӀаккха цуьнца къамел дечу меттера дӀавахара Дела. 14- 35:14, 15 Доладалар 28:18, 19. Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тӀулг хӀоттийра. Цу тӀе Далла лерина чагӀар а, даьтта а доьттира цо. 15 Дала шеца къамел динчу меттиган цӀе юха а Бетал тиллира Якъуба.

Рахьал а, Исхьакх а кхалхар

16 Беталара дӀа а бахана, Эпрати-гӀалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. 17 ЧӀогӀа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кӀант хир ву». 18 Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду). 19 Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза. 20 Цуьнан коша тӀехь чуртана тӀулг хӀоттийра Якъуба. И тӀулг хӀинца а Рахьалан коша тӀехь лаьтташ бу. 21 Шен некъ кхидӀа а бина, Мигдал Ӏедар олучу меттехь четар хӀоттийра Исраила. 22- 35:22 Доладалар 49:4. Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза.

Якъубан шийтта кӀант вара. 23 Леас бина кӀентий:

Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул.

24 Рахьала бина кӀентий:

Юсуп а, Бен-Яман а.

25 Рахьалан ялхочо Балхьата бина кӀентий:

Дан а, Наптал а.

26 Леин ялхочо Залпаа бина кӀентий:

Гада а, Ашар а.

Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара.

27- 35:27 Доладалар 13:18. Кхиръят-АрбаӀ (хӀинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цӀе йолчу меттехь Ӏачу шен дена Исхьакхана тӀевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тӀевеана Ӏийнера ИбрахӀим а, Исхьакх а. 28 Исхьакхан бӀе дезткъа шо дара. 29 Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дӀакхийтира Исхьакх. Цуьнан кӀенташа Ӏесава а, Якъуба а дӀавоьллира иза.

36

Ӏесаван тӀаьхье

(1 Шерашкахь 1:34-37)

1 Ӏесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тӀаьхье хӀара ю. 2- 36:2 Доладалар 26:34. КанаӀан-махкара зударий балийра Ӏесава: Ӏада а, АхӀлибам а, Басамат а. Ӏада яра хьетахочун Эйлонан йоӀ. АхӀлибам яра Ӏанин йоӀ а, хьаьвихочун ЦӀибӀонан кӀентан йоӀ а. 3- 36:3 Доладалар 28:9. Ткъа Басамат яра ИсмаьӀалан йоӀ а, Набуятин йиша а. 4 Ӏадас Ӏесавана Элипаз вира, Басамата РаӀал вира. 5 АхӀлибама ЕӀуш а, ЯӀлам а, Кхорахь а вира. КанаӀан-махкахь Ӏесавана бина кӀентий бара уьш.

6 Шен зударий а, кӀентий а, йоӀарий а, цӀахь болу ялхой а, даьхни а, КанаӀанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дӀавахара Ӏесав. 7 Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тӀебаьхкина Ӏаш болчу лаьтта тӀехь дӀатарвала а, ваха а царна хала дара. 8 Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом).

9 СеӀир-лаьмнашкахь Ӏийначу эдомхойн ден Ӏесаван тӀаьхье хӀара ю. 10 Ӏесаван кӀентийн цӀераш яра:

Ӏесаван зудчун Ӏадин кӀант Элипаз а, Ӏесаван зудчун Басаматан кӀант РаӀал а.

11 Элипазан кӀентий: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. 12 Ӏесаван кӀентан Элипазан ТамнаӀ цӀе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Ӏамалекх вира. Уьш Ӏесаван зудчун Ӏадин берийн бераш дара.

13 РаӀалан кӀентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.

14 Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа, ЦӀибӀонан кӀентан йоӀа АхӀлибама Ӏесавана бина кӀентий бара ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь.

15 Ӏесаван тӀаьхьенах баьччанаш бара хӀорш:

Ӏесаван дуьххьарлерачу кӀентан Элипазан кӀентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ, 16 Кхуорахь, ГаӀтам, Ӏамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏадин берийн бераш а дара уьш.

17 Ӏесаван кӀентан РаӀалан кӀентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаӀалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.

18 Ӏесаван зудчун АхӀлибаман кӀентий: баьччанаш ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь. Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа АхӀлибама, бина баьччанаш бара уьш.

19 Уьш Ӏесаван (Эдоман) кӀентий а, церан баьччанаш а бара.

Эдомехь Ӏийначу СеӀиран тӀаьхье

(1 Шерашкахь 1:38-42)

20 Ӏесав вале Эдомехь Ӏийнера хьорихо СеӀир. Цуьнан бара кӀентий: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 21 Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеӀиран и кӀентий хьорихойн баьччанаш бара.

22 Лутанин кӀентий: Хьори а, ХӀейма а. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.

23 Шубалин кӀентий: Ӏалван, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.

24 ЦӀибӀонан кӀентий: АяхӀу, Ӏана. Шен ден ЦӀибӀонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Ӏана вара иза.

25 Ӏанин бераш: Дишон а, Ӏанин йоӀ АхӀлибам а.

26 Дишонан кӀентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.

27 Эцаран кӀентий: БилхӀан, ЗаӀван, Ӏакхан.

28 Дишанан кӀентий: ӀуцӀа, Арани.

29 Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 30 Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеӀир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.

Эдом-мехкан паччахьаш

(1 Шерашкахь 1:43-54)

31 Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара:

32 БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

33 БулаӀ велча, цуьнан метта Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб паччахь хилира.

34 Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.

35 Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кӀант ХӀадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

36 ХӀадад велча, цуьнан метта Масрекха-гӀалара Самла паччахь хилира.

37 Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гӀалара Шаул паччахь хилира.

38 Шаул велча, цуьнан метта Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан паччахь хилира.

39 Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта ХӀадад паччахь хилира. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. Мезахьабан йоӀан Матарадан йоӀ Ма-ХӀайтӀабал яра цуьнан зуда.

40 ХӀорш ю Ӏесаван тӀаьхьенах болчу баьччанийн цӀераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат, 41 АхӀлибам, Эла, Пинан, 42 Кхеназ, Теман, Мубацар, 43 Магдаал, Ӏирам.

Эдомхойн ден Ӏесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тӀехь шайн-шайн тайпанашца Ӏаш бара уьш.

37

Юсупан гӀенаш

1 Якъуб шен да ваьхначу КанаӀан-махкахь Ӏаш вара.

2 ХӀара ду Якъубан тӀаьхьенах хилларг.

ВуьрхӀитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагӀий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кӀентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хӀума дега дӀадуьйцура. 3 Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кӀентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира. 4 Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна. 5 Цкъа Юсупна гӀан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чӀогӀа ца вийзира. 6 Цо элира цаьрга: «ЛадогӀийша, суна хӀун гӀан гина. 7 Вай кха тӀехь цӀевнаш доьхкуш дара. ЦӀеххьана сан цӀов, айа а белла, дӀанисбелира, шун цӀевнаш, цунна гонах а хӀиттина, цунна охьатаьӀира».

8 Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тӀехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?»

Цуьнан гӀан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чӀогӀа ца вийзира царна иза.

9 Кхин цхьа гӀан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогӀийша, кхин цхьа гӀан а гира суна: хӀинца суна хьалха охьатаьӀаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».

10 Вежаршна дийцина ца Ӏаш, дена а дийцира цо и гӀан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хӀун гӀан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьӀар ду ткъа?»

11- 37:11 Векалийн 7:9. Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.

Вежарша Юсуп вухку

12 Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий. 13 Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тӀевахийта воллу со».

«Со кийча ву», – жоп делира Юсупа.

14 Дас элира цуьнга: «Ваха а гӀой, хьажа хьайн вежарий хӀун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций».

Хьеврон-тогӀи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп. 15 Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хӀун лоьху?» – аьлла.

16 Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»

17 «Уьш кхузара дӀабахна, – жоп делира цу некъахочо. – Суна хезира цара олуш: „Дотане гӀур ду вай“».

ТӀаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гӀалина уллохь карийра. 18 Геннахь Юсуп тӀевогӀуш а гина, шайна и тӀекхачале вежарша барт бира иза вен. 19 «Хьуьлла вогӀу хӀара гӀенаш гуш верг! – элира цара. – 20 Вен а вийна, гӀуна чу кхосса веза вай иза, цӀахь иза экхано виъна эр ду вай. ТӀаккха хуур ду вайна цуьнан гӀенех хӀун хуьлу».

21 И къамел хезча, Юсуп кӀелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХӀан-хӀа, иза вуьйр вац вай». 22 Кхин а элира цо: «ЦӀий ма Ӏанаделаш. Яьссачу арара оцу гӀуна чу кхосса иза, амма цунна тӀе куьг ма айа». Царах иза кӀелхьара а ваьккхина, да волчу дӀавахийта лууш вара Раабан. 23 Юсуп вежаршна тӀевеача, цунна тӀера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара. 24 Юха чохь хи доцучу, яьссачу гӀуна чу кхоьссира иза вежарша. 25 ХӀума яа охьахевшича, царна гира ГалӀад цӀе йолчу меттера эмкалийн къепалца богӀу ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогӀучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. 26 ЯхӀуда элира вежаршка: «Вайна хӀун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Ӏийча? 27 Цул а оцу нахана дӀавухкур ву вай иза, цунна тӀе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза».

Вежарий резахилира цо аьллачунна. 28- 37:28 Векалийн 7:9. ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тӀехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гӀуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дӀавигира. 29 Раабанна ца хаьара хилларг. ГӀуна тӀе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хӀоьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра цо. 30 Юха а веана, цо элира вежаршка: «КӀант цигахь вац! Со хӀинца дена хьалха муха гӀур ву?»

31 ТӀаккха цара, бож а йийна, цуьнан цӀий хьаькхира Юсупан куча тӀе. 32 Юха, и коч шайн дена тӀе а яьхьна, цара элира: «ХӀара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кӀентан юй хӀара?»

33 Коч евзинчу дас элира: «ХӀара сан кӀентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дӀаваьккхина».

34 Шена тӀера бедарш а этӀийна, Ӏаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кӀантах белхар дира Якъуба. 35 Массо а цуьнан кӀентий а, йоӀарий а иза теван гӀертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кӀантана сагатдеш, эхарта дӀагӀур ву со», – бохура цо. КхидӀа а белхар дира дас.

36 Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирӀунан гӀаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.

38

ЯхӀуд а, Тамара а.

1 Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд. 2 Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза. 3 Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира. 4 Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо. 5 Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо.

6 Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда. 7 Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. 8 ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта».

9 Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо. 10 Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира. 11 ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе».

Тамара шен ден цӀа дӀаяхара. 12 Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца. 13 Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву». 14 Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар. 15 Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана. 16 Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла.

Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?»

17 ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна».

Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»

18 ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?»

Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна».

Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. 19 Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо.

20 Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра. 21 Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда+ 38:21 *ЦӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда *– и санна йолчу зудчуьнца лелар цӀунна гӀуллакх дар лорура. КанаӀанхошна гергахь иза наха лоруш зуда яра. Цундела ЯхӀуда цунах «еза» олу.* мичахь ю?» – аьлла.

Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».

22 ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, – боху».

23 ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».

24 Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!»

ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»

25 Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», – аьлла.

26 ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд.

27 Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира. 28 Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву». 29 Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). 30 Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).

39

Юсуп а, Патипаран зуда а

1 ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирӀунан гӀаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара. 2- 39:2 Векалийн 7:9. Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хӀусамехь вехаш вара иза. 3 Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а. 4 Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цӀа а, берриг бахам а Юсупе лело дӀа а белла. 5 ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а. 6 Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хӀума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хӀуманна гӀайгӀа яцара цунна, ша юучун бен.

Юсуп куц долуш а, хаза а вара. 7 Дукха хан ялале хӀусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дӀавижа аьлла. 8 Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цӀа чохь йолчу хӀуманна гӀайгӀа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо. 9 Кху цӀа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хӀунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»

10 ХӀора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дӀавижа а, хила а реза ца хуьлура иза. 11 Цкъа цӀеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гӀуллакх а хилла, чувеара Юсуп. 12 Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДӀавижа соьца!» Амма тӀехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп. 13 Шегахь бедар а йитина, иза дӀаведдийла а гина, 14 зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хӀара Ӏебархо вайн цӀа чу валийна, ткъа хӀара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дӀавижа гӀерташ вара иза, амма со мохь хьекха хӀоьттича, 15 шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».

16 Юсупан тӀеюху хӀума шегахь йитира зудчо, хӀусамда цӀа валлалц. 17 Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Ӏебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гӀерташ вара, 18 амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза». 19 «Хьан лай сан сий дайа гӀоьрти!» – бохура зудчо.

Цо дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, чӀогӀа оьгӀазвахара Патипар. 20 Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп.

Иштта набахти чу кхечира иза. 21- 39:21: Векалийн 7:10. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хӀара дикачу агӀор гайтира Везачу Эло. 22 Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуп. 23 Цунна ша тӀедиллинчу гӀуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хӀунда аьлча, Юсупан массо а хӀуманна тӀехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.

40

ЧагӀардуттург а, бепигдоттург а

1 Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагӀардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера. 2 ПирӀун оьгӀазвахнера шен коьртачу чагӀардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а. 3 Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цӀенца йолчу набахти чу воллийтира. 4 Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дӀабелира. Юсуп церан гӀуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тӀаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна 5 цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀенан шен маьӀна дара. 6 ШолгӀачу Ӏуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гӀайгӀане воьжна. 7 Шеца шен хӀусамден цӀа чохь чубоьхкинчу пирӀунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гӀайгӀане хӀунда ву шуьшиъ?»

8 «Тхойшинне а гӀан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац».

Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гӀенаш».

9 Коьртачу чагӀардуттучо дийцира Юсупна шен гӀан: «Суна гӀенах кемсийн таьлланг гира. 10 Цу тӀехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира. 11 Сан карахь пирӀунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирӀуне кад дӀабелира».

12 «Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду. 13 Кхо де даьлча, пирӀуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дӀахӀоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирӀуне кад дӀалур бу. 14 Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тӀееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирӀуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий. 15 Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».

16 Юсупа динчу маьӀнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гӀан: ас коьрта тӀехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш. 17 Лакхарчу тускар чохь пирӀунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зӀакарш а етташ, дууш дара».

18 «Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира Юсупа. Кхо тускар – иза кхо де ду. 19 Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю». 20 Кхо де даьлча, пирӀунан вина де дара. Цо той хӀоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирӀуно лаккха хьалаайира коьрта чагӀардуттург а, коьрта бепигдоттург а. 21 Коьрта чагӀардуттург шен хьалхалерчу метте дӀахӀоттийра цо, вукхо юха а пирӀунан кара кад белира. 22 Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьӀна деш ма-аллара. 23 Амма коьртачу чагӀардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.

41

ПирӀунан гӀенаш

1 Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирӀунна гӀан гира: ша Нил цӀе йолчу хина йистехь лаьтташ, 2 хи чуьра берстана а, хаза а ворхӀ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хӀоьттира. 3 Царна тӀаьххье кхин ворхӀ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гӀийла а, ирча а дара. Берда тӀехь вукхарна юххе дӀахӀиттира уьш. 4 ГӀийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирӀун самавелира.

5 Юха иза дӀавижча, кхин гӀан гира цунна: цхьана гӀода тӀехь буьззина а, хаза а ворхӀ кан бара. 6 Юха царна тӀаьххье хьалабелира кхин ворхӀ кан. Уьш гӀийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара. 7 ГӀийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дӀадиира. Самаваьллачу пирӀунна иза гӀан дуйла хиира. 8- 41:8 Даниал 2:2, 27. Ӏуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.

9 ТӀаккха коьртачу чагӀардуттучо элира пирӀуне: «ХӀинца суна дагадеа со бехке хилар. 10 Цхьана хенахь пирӀун оьгӀазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирӀунан гӀаролан хьаькаман цӀенца йолчу набахти чу воллийтира. 11 Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀан шен маьӀна долуш дара. 12 Тхоьца чувоьллина гӀаролан хьаькаман ялхо волу къона Ӏебархо вара. Оха цунна тхешан гӀенаш дийцира, цо церан маьӀна дира. 13 Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».

14 ПирӀуно Юсупна тӀаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тӀе цӀена хӀума а юьйхина, пирӀунна тӀевахара Юсуп.

15 ПирӀуно элира Юсупе: «Суна гӀан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьӀна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гӀенех дерг девзаш а, церан маьӀна дан хууш а ву бохуш».

16 Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирӀунна дика жоп».

17 ПирӀуно дийцира Юсупна: «Суна гӀенах со Нилан берда тӀехь лаьтташ гира. 18 ЦӀеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхӀ етт эрзашкахь бажа хӀоьттира. 19 Царна тӀаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чӀогӀа ирча а, оза а ворхӀ етт хьалабелира. 20 Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гӀийлачу, ирчачу бежанаша диира. 21 Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.

22 Юха суна гӀенах цхьана гӀад тӀехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхӀ кан гира. 23 Царна тӀаьххье хьалабелира бекъа а, гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхӀ кан. 24 ГӀийлачу кенаша дуьззина дерш дӀадиира.

Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьӀна дан ца хиира цуьнан».

25 Юсупа элира пирӀуне: «И ший а гӀан цхьана хӀуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург. 26 ВорхӀ дика етт а, ворхӀ дика кан а – иза ворхӀ шо ду. И ший а гӀан цхьаннах лаьцна ду. 27 Ткъа вукхарал тӀаьхьа хьалабаьлла болу ворхӀ гӀийла а, ирча а етт а, ворхӀ гӀийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхӀ шо ду. Мацалла хӀоьттина ворхӀ шо. 28 Дала пирӀунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хӀара дара. 29 Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхӀ шо тӀекхочуш ду. 30 Юха тӀедогӀу ворхӀ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду – мацалло дерриг а латта дассор ду. 31 Шорто йицлур ю цунна тӀаьххье йогӀун йолу мацалла бахьана долуш, хӀунда аьлча мацалла луьра хир ю. 32 ПирӀунна гӀан шозза гаран маьӀна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.

33 ХӀума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хӀотто веза ахь. 34 Шорто йолчу ворхӀ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгӀа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза. 35 Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирӀунан омрица гӀаланашкахь кӀа Ӏалашдан деза. 36 Гулдина ялта дӀадиллина хир ду, мацалла тӀееанчу ворхӀ шарахь Мисар-махкара адам хӀаллак ца хилийта».

Юсуп Мисар-мехкан куьйгалхо хуьлу

37 ПирӀуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тӀетодира Юсупа аьлларг. 38 Шен элашка пирӀуно хаьттира: «ХӀара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»

39 ТӀаккха пирӀуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хӀуманах кхеташ а стаг вац. 40- 41:40 Векалийн 7:10. Ас сайн цӀенна тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».

41 ПирӀуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво хьо». 42- 41:42 Даниал 5:29. Цо шен пӀелга тӀера схьадаьккхина мухӀар Юсупан пӀелга тӀе доьллира, дуткъачу кӀадинах дина духар цунна тӀе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зӀе оьллира. 43 Шен шолгӀа гӀудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирӀуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирӀуно Мисар-махка тӀехь куьйгалхо хӀоттийра Юсуп. 44 ПирӀуно элира Юсупе: «Со пирӀун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».

45 Цо Юсупна керла цӀе елира – Цапнат-ПаӀнахь аьлла. Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀ Аснат ялийра пирӀуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тӀехь урхалла деш хилира. 46 Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гӀуллакх дан иза вахача. ПирӀун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза. 47 Шорто йолчу ворхӀ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира. 48 Оцу ворхӀ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гӀаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хӀора гӀалахь охьадуьллура цо. 49 ХӀордан гӀум санна, дукха дара Юсупа гулдина кӀа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хӀунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.

50 Мацалла хӀутту шераш тӀекхачале Ана цӀе йолчу гӀалин динан ден ПатипараӀан йоӀа Асната ши кӀант вира Юсупна. 51 Дуьххьарлерачу кӀентан цӀе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цӀа а дицдайтина соьга». 52 ШолгӀачу кӀентан цӀе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».

53 Мисарахь шорто йолу ворхӀ шо чекхделира. 54- 41:54 Векалийн 7:11. Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхӀ шо дӀадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хӀума яцара. 55- 41:55 Яхьъя 2:5. Амма ерриг а Мисарахь мацалла хӀоьттича, адам пирӀунна тӀедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тӀе а гӀой, цо бохург де».

56 Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кӀа доьхкира, иза дӀадиллина меттигаш схьа а йиллина, хӀунда аьлча Мисарахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 57 Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кӀа эца богӀура, хӀунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.

42

Юсупан вежарий Мисар-махка боьлху

1 Мисарахь кӀа дуйла шена хиъча, Якъуба элира шен кӀенташка: «Шу вовшашка хьоьжуш хӀунда Ӏа? 2- 42:2 Векалийн 7:12. Суна хезна, Мисар-махкахь кӀа ду бохуш. Даха а гӀой, цигара иза эца, вай мацалла ца далийта».

3 Юсупан итт ваша Мисара вахара кӀа эца. 4 Якъуба Юсупан нанас вина ваша Бен-Яман цӀахь витира. Цунна цхьа вон болх хиларна кхоьрура иза. 5 Иштта Исраилан кӀентий дуккха а кхечу нахана юкъахь кӀа эца баьхкира, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь мацалла яра. 6 Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кӀа духкуш вара иза. ДӀакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьӀира. 7 Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» – хаьттира цо.

«КанаӀан-махкара даьхкина тхо ялта эца», – аьлла, жоп делира цара. 8 Юсупна шен вежарий бевзинехь а, царна иза ца вевзира. 9- 42:9 Доладалар 37:5-10. Царах долу шен гӀенаш дага а даьхкина, Юсупа элира: «Шу ямартхой ду! Тхан пачхьалкхан ледара агӀонаш хаа а, долчун терго ян а даьхкина шу!»

10 «ХӀан-хӀан, эла, – жоп делира вежарша. – Хьан ялхой долу тхо ялта эца даьхкина. 11 Тхо дерриш а цхьана ден кӀентий ду. Хьан ялхой цӀена нах бу, ямартхой бац».

12 Юсупа юха а элира: «ХӀан-хӀан, шу тхан махкахь ледара хӀума хӀун ду хьажа даьхкина».

13 Амма цара жоп делира: «ХӀан-хӀан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаӀан-махкахь Ӏаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хӀинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина».

14 Юсупа элира цаьрга: «Ас аьллий, шу ямартхой ду! 15 Шу бакъ ду я дац иштта къастор ду ас: дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу кхузара дӀагӀур ма дац, шун жимаха волу ваша кхуза схьаваллалц. 16 Цхьаъ вешина тӀаьхьа вахийта, вуьш набахти чохь Ӏийр бу. ТӀаккха хуур ду суна, аш дуьйцург бакъ ду я дац. Нагахь даций, дийна волчу пирӀунах дуй буу ас, шу ямартхой ду аьлла!»

17 Вежарий кхаа денна чубохкийтира цо. 18 КхозлагӀчу дийнахь Юсупа элира цаьрга: «Ас бохург дахь, дийна дуьсур ду шу, хӀунда аьлча со Делах кхоьру. 19 Нагахь шу цӀена нах делахь, шух цхьаъ набахти чохь саца веза, ткъа вуьш мацалла ловш болчу шайн доьзалшна кӀа дӀаэцна баха беза. 20 Амма шайн жимаха волу ваша схьавало веза аш, шаьш дуьйцург бакъ дуй хаийтархьама а, дийна дисархьама а». Иштта дан а дира цара. 21 Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таӀзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгӀира. ХӀинца вайна бохам хилла».

22- 42:22 Доладалар 37:21, 22. Раабана элира: «Ас баьхнера шуьга – кӀант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгӀира! ХӀинца цунна тӀехула вайна бекхам хуьлуш бу».

23 Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хӀунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора. 24 Иза, дӀа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хӀоьттира. Царах ШимӀа, схьа а къастийна, церан бӀаьргашна хьалха дӀавихкира цо. 25 Церан тӀоьрмигаш чу кӀа а дилла, хӀораннан ахча а цигга чудилла, некъана оьшург а ло аьлла, омра дира Юсупа. Дерриг а цо ма-аллара кхочушдира. 26 КӀа варраш тӀе а диллина, новкъа бевлира уьш. 27 Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хӀоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра. 28 «Сан дети юхадеана! – элира цо вежаршка. – ХӀара ду и, сан гали чохь».

Кхерабелла, дегнаш схьалелха а дохкуш, бегош вовшашка а хьоьжуш, бохура цара: «ХӀара хӀун ду Дала вайна динарг?»

29 Шайн да Якъуб волчу КанаӀане юха а баьхкина, шайца хилларг дерриг а дийцира цара: 30 «Цигарчу махкахь куьйгалхо волчу стага, буьрса къамел а дина, тхоьга элира: „Ямартло ян даьхкина шу!“ 31 Амма оха жоп делира цуьнга: „Тхо цӀена нах ду, ямартлонна даьхкина дац. 32 Тхо шийтта ваша вара, цхьана ден кӀентий. Цхьаъ воцуш ву, жимаха верг деца КанаӀан-махкахь ву хӀинца“. 33 ТӀаккха цу мехкан куьйгалхочо элира тхоьга: „Шу цӀена нах ду я дац иштта хуур ду суна: шайн цхьа ваша кхузахь а витий, мацалла ловш болчу доьзалшна ялта схьа а эций, шайн новкъа дӀагӀо. 34 Со волчу шайн жимаха волу ваша валаве, тӀаккха хуур суна шу цӀена нах дуйла. Цул тӀаьхьа ас шун ваша дӀа а лур ву, кху махкахь мах а лелабойтур бу“».

35 Галеш дӀасадохуш, хӀоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира. 36 Якъуба элира цаьрга: «Аш сайн берех ваьккхи со, Юсуп а вац, ШимӀа а вац, ткъа хӀинца Бен-Яман а схьаэца гӀерта шу. Дерриг а суна дуьхьал даьлла!»

37 Раабана элира дега: «Нагахь ас Бен-Яман хьуна юха ца валавахь, сан ши кӀант вен мегар ду хьуна. Соьга жоп далийтахь цунах, ас иза юхавалор ву хьуна».

38 Амма Якъуба элира: «Сан кӀант хьоьца цига гӀур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша».

43

Вежарий шолгӀа а Мисар-махка бахар

1 Луьра мацалла яра цу махкахь. 2 Мисарара деана дерриг а кӀа шаьш диъча, дас кӀенташка элира: «Даха а гӀой, кхин а ялта эца вайна».

3 Амма ЯхӀуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“. 4 Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю. 5 Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гӀур дац, хӀунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“».

6 «И бала хӀунда беана аш суна тӀе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» – хаьттира Исраила+ 43:6 *Исраила *– и ву Якъуб.*.

7 Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хӀинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, – аьлла?»

8 ЯхӀуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кӀант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дӀагӀур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кӀелхьардаха. 9 Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц. 10 Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дӀа а дахана, юхадаьхкина хир дара».

11 ТӀаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гӀуллакх иштта делахь, хӀокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дӀахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогӀу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бӀараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе. 12 ХӀинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цӀа деанарг а юха дӀахьо: иза цхьана гӀалатца галдаьлла хила мега. 13 Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тӀегӀо. 14 Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со».

15 СовгӀаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дӀабахара вежарий. Уьш, дӀа а кхаьчна, Юсупна хьалха хӀиттира. 16 Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХӀара нах сан цӀа дӀа а бигий, бежана а дей, яа хӀума кечъе. Делкъахенахь соьца хӀума юур ю кхара». 17 Цу стага шена тӀедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цӀа бигира.

18 Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цӀийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТӀелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дӀаяха гӀерта и стаг». 19 ТӀе а бахана, Юсупан цӀийнан куьйгалхочуьнга элира цара хӀусаман неӀарехь: 20 «ЛадогӀахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца. 21 Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хӀинца оха иза юхадеана. 22 Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина».

23 Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хӀумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тӀаьхьа цо уьш болчу ШимӀа схьавалийра. 24 ЦӀийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цӀа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хӀоъ а белира цо. 25 Юсуп схьавале вежарша совгӀаташ кечдира, хӀунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хӀума юур ю аьлла. 26 Юсуп цӀа веача, совгӀаташ дӀа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьӀира уьш. 27 Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?»

28 Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьӀира уьш.

29 ДӀасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХӀара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кӀант». 30 Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза. 31 Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хӀума схьая!»

32 Цунна къастийна елира яа хӀума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хӀунда аьлча мисархошна хьарам хетара Ӏебархошца хӀума яар. 33 Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка. 34 Юсупан стоьла тӀера яа хӀума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Ӏийра уьш.

44

Гали чохь карийна дато кад

1 Юсупа элира шен цӀийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хӀума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла. 2 Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кӀенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гӀуллакх кхочушдира ялхочо. 3 Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира. 4 Уьш гӀалина гена ца бевллера, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тӀаьхьа а гӀой, тӀекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хӀунда дина аш? 5 Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш?+ 44:5 *Сан элан дато кад хӀунда лачкъийна аш? *– и дешнаш цхьана ширачу гочдар чохь ду, амма Ӏебархойн маттахь уьш дац.* Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хӀума ду!“»

6 ТӀаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш. 7 Вежарша жоп делира: «Иштта хӀунда боху ахь? И санна долу хӀума оха цкъа а дийр дацара. 8 КанаӀан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цӀа чуьра дети я деши оха хӀунда лачкъор ду? 9 Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».

10 Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу». 11 Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира. 12 Воккхачунна тӀера жимачунна тӀекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цӀийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра. 13 Холчу хӀиттина, шайна тӀера хӀуманаш этӀийра вежарша. Юха, шайн варраш тӀе маххьаш а дехкина, гӀала юхабаьхкира уьш. 14 Юсупан цӀа чу схьабаьхкира ЯхӀуд а, цуьнан вежарий а. Иза дӀавахаза цӀахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш. 15 Юсупа элира цаьрга: «И хӀун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хӀума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»

16 ЯхӀуда жоп делира: «Тхан ала хӀума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХӀинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».

17 Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дӀагӀо».

ЯхӀуда вежарех лаьцна дехар до

18 ТӀаккха ЯхӀуда, тӀе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирӀуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгӀаз ма гӀолахь. 19 Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ – аьлла. 20 Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кӀант. Цу кӀентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза. 21 ТӀаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“. 22 Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогӀийла дац цу кӀентан. Нагахь иза вагӀахь, да лийр ву“. 23 Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“. 24 Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дӀадийцира оха. 25 Дас элира тхоьга: „Юха а гӀой, жимма ялта эца“, – аьлла. 26 Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гӀойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“. 27 ТӀаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кӀант винийла. 28 Цу шиннах цхьаъ цӀера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, – цул тӀаьхьа суна иза ган а ца гира. 29 ХӀинца аша важа а дӀа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“. 30 И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь, 31 тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу. 32 Ас дош деллера цунна, кӀант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дӀаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, – аьлла ас. 33 Цундела ас доьху хьоьга, эла, кӀант вежаршца дӀа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь. 34 Со муха гӀур ву дена хьалха, сайца кӀант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».

45

Юсупа вежаршна ша вовзуьйту

1- 45:1 Векалийн 7:13. ТӀаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДӀадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича. 2 Иза чӀогӀа вилхира, мисархошна а, пирӀунан цӀенна а хезара цуьнан белхар. 3 Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора. 4 ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву! 5 Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза. 6 Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а. 7 Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а. 8 Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина. 9- 45:9-11 Векалийн 7:14. Сихо яй, сан дена тӀе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кӀанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш. 10 ГӀашан цӀе йолчу меттехь Ӏийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. 11 ГӀашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хӀунда аьлча тӀедогӀуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цӀа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“. 12 Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бӀаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар. 13 Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве».

14 Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца. 15 Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тӀаьхьа вежарша цуьнца къамел дира.

16 Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирӀунна тӀекхечира. ПирӀун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара. 17 ПирӀуно Юсупе элира: «ДӀаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хӀума КанаӀан-махка дӀа а хьо. 18 Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий». 19 Кхин а элира пирӀуно: «Хьуна тӀедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дӀаалар: „Мисар-махкара гӀудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла. 20 Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“».

21 Исраилан кӀенташа цо ма-бохху дира. ПирӀуно деллачу омрица Юсупа царна гӀудалкхаш а, некъана кхача а белира. 22 ХӀоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бӀе шекхал дети а, пхеа тайпана тӀеюху хӀуманаш а елира. 23 Юсупа шен дена а дахьийтира совгӀаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хӀума тӀехь долуш итт вир а яра, кӀа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тӀехь долуш итт виркхел а яра. 24 Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»

25 Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаӀан-махка баьхкира уьш. 26 Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хӀун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах. 27 Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гӀудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира. 28 Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кӀант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гӀур ву со».

46

Якъуб Мисар-махка воьду

1 Исраил+ 46:1 *Исраил *– и ву Якъуб.*, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо. 2 Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!»

«Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба.

3 Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. 4 Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».

5 Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига. 6- 46:6 Векалийн 7:15. КанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. 7 Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тӀаьхье дӀайигира. 8 ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а):

Якъубан хьалхара кӀант Раабан. 9 Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.

10 ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.

11 Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.

12 ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.

13 Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.

14 Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.

15 Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара.

16 Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.

17 Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.

18 Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.

19 Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.

20- 46:20 Доладалар 41:50-52. Мисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.

21 Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.

22 Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.

23 Данан кӀант вара: Хьушим.

24 Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.

25 Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.

26 Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара. 27- 46:27 Векалийн 7:14. Мисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.

Якъуб а, цуьнан доьзал а Мисар-махкахь Ӏар

28 Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча, 29 Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза. 30 Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».

31 Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина. 32 И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“. 33 ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“ 34 аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».

47

1 ПирӀунна тӀе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаӀан-махкара схьа а баьхкина, ГӀашанехь бу хӀинца». 2 Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирӀунна тӀе.

3 ПирӀуно хаьттира цаьрга: «Шун хӀун корматалла ю?»

Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Ӏуй ду тхо». 4 Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГӀашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».

5 ПирӀуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина. 6 Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГӀашанехь Ӏан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Ӏалашдан дӀахӀиттабе уьш».

7 Шен да Якъуб, вала а вина, пирӀунна хьалха хӀоттийра Юсупа. Якъуба пирӀун декъалвира. 8 ПирӀуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»

9 Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бӀе ткъе итт шо ду. КӀезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дӀа ца нисвелла со». 10 ПирӀун декъал а вина, дӀавахара Якъуб.

11 Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаӀамсас олучу гӀалина уллохь тоьлла латта а делла, пирӀуно шена тӀе-ма-диллара. 12 Шен ден а, вежарийн а хӀусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа. 13 Цул тӀаьхьа чӀогӀа мацалла хӀоьттира. Мисар а, КанаӀан-мохк а мацалло гӀелбина бара. 14 Шегара кӀа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирӀунан цӀахь латтадора цо иза. 15 Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тӀе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бӀаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».

16 Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна». 17 Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.

18 Шо чекхдаьлча, цунна тӀе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догӀмашший, латтий бен хӀумма а ца дисна тхоьгахь. 19 Хьан бӀаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хӀаллак хӀунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дӀаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирӀунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дӀаден хӀу лохьа тхуна».

20 Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирӀунна. ХӀора мисархочо шен латта доьхкира, хӀунда аьлча мацаллина дан хӀума дацара церан. Латта пирӀунан дола делира. 21 Ткъа нахах Мисаран цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц Юсупа леш бира. 22 Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хӀунда аьлча массо а хенахь пирӀуно дакъа а кхочуьйтуш, Ӏаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира. 23 Юсупа элира нахе: «ХӀинца ас шу а, шун латта а пирӀунна эцна. ХӀара хӀу ду шуна латта дӀаден. 24 Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалур ду аша, ткъа диснарг дӀаден а, шуна а, шун берашна а, шун цӀахь болчарна а даа хир ду».

25 Наха элира: «Ахьа тхо кӀелхьардехи. ПирӀунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна». 26 Иштта лаьттах долу Ӏедал хӀоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дӀалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирӀунан долахь а долуш.

Якъубан весет

27 Исраилхой ГӀашан олучу меттехь Ӏаш бара. Церан дола дуккха а хӀума а делира, уьш тӀеттӀа дебаш а бара. 28 Якъуб Мисарахь вуьрхӀитта шарахь Ӏийра, цуьнан бӀе шовзткъе ворхӀ шо дара. 29- 47:29, 30 Доладалар 49:29-32; 50:6. Ша лечу хенахь, шен кӀанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кӀел куьг а диллий+ 47:29 *Кога кӀел куьг а диллий *– цу гӀиллакхехь ша дийр ду аьлларг дан дезара.*, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дӀа ма воллалахь. 30 Со сайн дайх дӀакхетча, Мисарара дӀа а хьой, уьш боьхккинчу дӀаволлалахь».

Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».

31 «Дуй баал», – элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьӀира+ 47:31 *Грекийн гочдар тӀехь: *Исраила, Ӏасанна тӀе а таьӀаш, Далла Ӏамал йора.*.

48

Маннаш а, Эпрам а

1 Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чӀогӀа цомгуш ву аьлла. Шен ши кӀант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тӀе вахара иза. 2 Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кӀант Юсуп веана», – аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил.

3- 48:3, 4 Доладалар 28:13, 14. Якъуба элира Юсупе: «КанаӀан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со. 4 Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХӀара латта хьан тӀаьхьенна гуттаренна а дӀалур ду Ас“. 5 Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кӀант хӀинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимӀа а санна. 6 Кхарал тӀаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тӀехь шайн вежарийн кӀентий болуш санна Ӏийр бу уьш. 7- 48:7 Доладалар 35:16-19. Со Падан-Арамера схьавогӀуш, КанаӀан-махкахь Эпрати цӀе йолчу гӀалина тӀекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дӀайоьллира ас иза». 8 ТӀаккха, Юсупан кӀентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?»

9 Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу».

ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта». 10 Иза дукха къена волуш цуьнан бӀаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кӀант цунна тӀе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна. 11 Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан».

12 Ши кӀант Исраилан голашна уллора дӀа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьӀира Юсуп. 13 Цул тӀаьхьа, дена улло ши кӀант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агӀор Исраилна аьрру агӀор хӀоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агӀор Исраилна аьтту агӀор хӀоттийра. 14 Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тӀехула а даьккхина, Маннашан коьрта тӀе диллира. Цхьа Ӏалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь. 15 Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира:

«Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела,

таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,

16 муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш.

Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш.

Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».

17 Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тӀе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тӀера Маннашан коьрта тӀе дилла дагахь. 18 Юсупа элира цуьнга: «ХӀан-хӀан, дада, хьалхарниг хӀара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тӀе дилла».

19 Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кӀант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тӀаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». 20- 48:20 Ӏебархошка 11:21. Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цӀерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хӀоттийра цо.

21 Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу. 22 Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Ӏодаца а баьккхина Шехем-мохк дӀало ас хьуна».

49

Якъуба шен кӀентий декъалбо

1 Шен кӀентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогӀа, тӀейогӀучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас.

2 Гул а лой, ладогӀа, Якъубан кӀентий,

ладогӀа шайн дега Исраиле.

3 Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ,

сан боьршаллин дуьххьарлера стом,

уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.

4 Амма, кхехкаш тӀехъоьху хи санна, сиха волу хьо

кхин хир вац хьалхарниг,

хӀунда аьлча, дӀа а вахана,

хьайн да дӀавуьжу мотт сийсазбина ахь.

Сан метта дӀавижна хьо.

5 ШимӀа а, Леви а вежарий бу.

Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.

6 Церан кхеташонна юкъа а гӀур вац со,

церан гуламе а гӀур вац,

хӀунда аьлча оьгӀазаллица нах байина цара,

хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна.

7 НеӀалт хилла ю церан оьгӀазалла,

хӀунда аьлча иза буьрса йолу дела,

неӀалт хилла ду церан дералла,

хӀунда аьлча иза къиза долу дела.

Якъубан тӀаьхье йолчохь царна латта хир дац,

ас дӀасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.

8 ЯхӀуд, хьан вежарша хастор ву хьо,

хьан куьг мостагӀийн яьӀнаш тӀехь хир ду.

Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьӀар бу.

9- 49:9 Лелар 24:9; Довзийтинарг 5:5. Хьо къона лом ду, ЯхӀуд.

Талла ваханчуьра вогӀу хьо, сан кӀант.

СадаӀа лаьтта дижина лом санна ву хьо,

мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?

10 Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац,

цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж,

иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а+ 49:10 *Я иштта: *цуьнан сий дайтталц а...*,

халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.

11 Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю,

ткъа виран кӀорни – тоьллачу гаьннах.

Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо.

ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.

12 Цуьнан бӀаьргаш чагӀарал Ӏаьржа хир ду,

ткъа цергаш шурел кӀайн хир ю.

13 Забул хӀордан йистехь вехар ву.

Цуьнан берд хӀордкеманашна кхераме хир бац,

цуьнан латта ЦӀадан-гӀалина тӀекхаччалц хир ду.

14 Шина а агӀор беза мохь а болуш, садоӀуш Ӏуьллучу вирах тера хир ву Иссархан,

ша онда велахь а.

15 Шен садоӀу меттиг дика хилар а,

шен латта хаза хилар а гина,

халачу балхана къарвелла лай санна,

бахьа ца лучу мохьана кӀел хӀуттур ву иза.

16 Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву,

иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву.

17 Новкъа йистехь Ӏуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза.

ТӀехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тӀехь Ӏуьллу лаьхьа бу иза.

Говр лазийча, цунна тӀера бере охьавужу.

18 Веза Эла! Ахь кӀелхьарваккхаре сатесна ву со.

19 Гадина тӀе талорхой летар бу,

амма цо уьш лохкур бу.

20 Ашаран кхача токхе хир бу,

паччахьан даарш хир ду цуьнан.

21 Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву,

исбаьхьа кӀорнеш луш йолчу сенах тера ву иза.

22 Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву.

Цу таьлланган генаш пенна тӀехула хьаладоьлхуш ду.

23 Дерачу оьгӀазаллица пхерчий а кхуьссуш,

мостагӀий летара цунах.

24 Амма цуьнан Ӏад чӀогӀа ду,

цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду.

Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо,

Исраилан Ӏуьно а, Тархо а,

25 хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала,

хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо.

Лакхарчу Шен стигалшца а,

лахарчу латтанашца а,

кӀайн кхача лучу накхошца а,

ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.

26 Ширачу лаьмнийн деза хиларал а,

даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду

хьан дас хьо декъалвар.

Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.

27 Бен-Яман дера борз ю.

Ӏуьйранна шен ижу юу цо,

сарахь талорца карадеанарг доькъу».

28 Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХӀора а шена доггӀучу кепара декъалвира цо.

Якъуб кхалхар

29 Юха иштта весет дира цо шен кӀенташка: «Со сайн дай болчу дӀагӀур ву кестта. Хьетахочун Ӏепронан лаьтта тӀехь, сан дай болчу хьеха чохь дӀаволлалаш со. 30- 49:30 Доладалар 23:3-20. КанаӀан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цӀе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Ӏепронера нах дӀабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахӀима. 31- 49:31 а: Доладалар 25:9, 10; б: Доладалар 35:29. Цигахь дӀабоьхкина бу ИбрахӀим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дӀайоьллина ас Леа а. 32 Аре а, цу тӀера хьех а хьетахошкара эцна ю».

33- 49:33 Векалийн 7:15. Шен кӀенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дӀавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.

50

1 Дена тӀе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп. 2 Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира. 3 Цу кечамна шовзткъа де дӀаделира, хӀунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча. 4 Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирӀунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирӀуне дӀаала: 5- 50:5 Доладалар 47:29-31. „Сан дас, соьга чӀагӀо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаӀан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дӀаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дӀаволла, цул тӀаьхьа со юхавогӀур ву“».

6 ПирӀуно элира: «Ваха а гӀой, айхьа чӀагӀо ма-ярра, хьайн да дӀаволла».

7 Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара. 8 Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира. 9 Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.

10 Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. 11 Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду). 12 Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира. 13- 50:13 Векалийн 7:16. КанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама. 14 Да дӀа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.

Юсупа вежарий тебо

15 Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХӀун хаьа, Юсуп вайна оьгӀазвахана Ӏаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хӀинца бекхам бан дагахь?» 16 Цара Юсупна тӀе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина: 17 „Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“».

Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.

18 ТӀебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».

19 Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац. 20 Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар. 21 Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.

Юсуп кхалхар

22 Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Ӏийра Юсуп. Цуьнан бӀе итт шо кхаьчнера. 23 Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кӀантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тӀеийцира цо. 24 Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо». 25- 50:25 Арадаккхар 13:19; Ӏебархошка 11:22. Исраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза». 26 Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.