Векало ПахӀала

галатахошка

яздина кехат

Дешхьалхе

Ӏийсан болу хаза кхаъ кхайкхо болийча, жуьгтий боцурш, кхечу къаьмнех болу нах а и тӀеэца хӀиттира. ТӀаккха хаттар кхолладелира: товрат-хьехамаша бохург дан дезий стага, Ӏийсах билггала тешаш верг хилархьама? ПахӀала гойту иза оьшуш ца хилар. Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахаран бух а хилла дӀахӀоьттинарг тешар ду. Тешарехула массо а Далла хьалха бакъ ву. Рим-мехкан цхьа дакъа долчу Галатехь Ӏийсах тешачийн тобанашкахь бара ПахӀална дуьхьал болу нах. Цара дӀакхайкхийра, Ӏийсах тешаш болчара товрат-хьехамаш а лара беза Далла хьалха бакъхилархьама.

Харцхьехамо лебина нах бакъдолчу тешарна а, билггала долчунна а тӀеберзорхьама яздина ду ПахӀалан галатахошка долу кехат . Цо боху, ша векал хилар Делера ду, адамийн муьлххачу а Ӏедалера дац, леррина кхечу къаьмнийн нахана юкъахь кхайкхам бан дезаш ву иза. Цул тӀаьхьа цо тӀечӀагӀдо адамаш тешарехула бен Далла хьалха бакъ ца хилар. Тептаран чулацамехь ПахӀала гойту Ӏийсах тешачеран дахаран хьал Дала леррина Къобалвинчух долчу тешарх схьаболучу безамца доьзна хилар.

1

ПахӀала маршалла доуьйту

1 ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. 2 Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Ӏийсах тешначу нехан тобанашка. 3 Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. 4 Вайн къинош бахьана долуш Ша дӀавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кӀелхьардахархьама. 5 Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.

Хаза кхаъ цхьаъ бен бац

6 Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тӀе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дӀа а дирзина, кхечу хьехамна тӀаьхьахӀитта дохку. 7 Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш.

8 Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неӀалт хуьлийла царна. 9 Айса хьалха ма-аллара, хӀинца юха а боху ас: нагахь аша тӀеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неӀалт хуьлийла цунна тӀехь.

10 Ткъа хӀинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хӀинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх деш верг хир вацара со.

Муха хилира ПахӀалах векал?

11 Аса дӀахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. 12 ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира. 13- 1:13 Векалийн 8:3; 22:4, 5; 26:9-11. Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тӀаьхьаваьллера со Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хӀаллак а еш. 14- 1:14 Векалийн 22:3. Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. 15- 1:15, 16 Векалийн 9:3-6; 22:6-10; 26:13-18. Со дуьненна тӀе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, 16 суна хьалха Шен КӀант дӀахӀоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, 17 я Ярушалайм-гӀала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тӀе. Амма со Ӏаьрби-махка а вахана, тӀаккха Дамасакх-гӀала юхавирзира. 18- 1:18 Векалийн 9:26-30. Цул тӀаьхьа, кхо шо даьлча, ШамӀа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гӀала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. 19 Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна. 20 Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву. 21 ТӀаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со. 22 Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тӀера ца вевзара. 23 Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хӀаллакдан тӀаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дӀадаккха гӀиртина долу дин хӀинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла. 24 ТӀаккха суна тӀера цара Далла хастамаш бора.

2

Вукху векалша ПахӀал тӀелоцу

1- 2:1 Векалийн 11:30; 15:2. Цул тӀаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара. 2 Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТӀаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дӀабовзийтира, айса хьалха дина а, хӀинца до а гӀуллакх эрна ца хилар хаархьама. 3 Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира. 4 Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХӀунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хиларна тхан йолчу паргӀатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. 5 Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тӀехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. 6- 2:6 Карлабаьккхинарг 10:17. Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хӀунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хӀумма а тӀе ца туьйхира. 7 Цара мелхо а чӀагӀдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тӀедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тӀедилларе терра. 8 ХӀунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. 9 Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. 10 Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.

ПахӀала Кипа бехкевар

11 Ткъа Кипа Антиох-гӀала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела. 12 ХӀунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хӀума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. 13 Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргӀанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дӀакхийтира моттаргӀанаш лелочарех.

14 Амма, уьш хазачу кхоан тӀера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гӀертор бу уьш жуьгтийн Ӏадаташ тӀе?

15 Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тӀехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогӀу вайшиъ. 16- 2:16 а: Забур 142:2; Римхошка 3:20; б: Римхошка 3:22. Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешнера, товрат-хьехамаш тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХӀунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца кӀелхьардер дац. 17 Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гӀуллакхаш дойтуш верг? Дера вац! 18 ХӀунда аьлча, цкъа хӀаллакдинарг юха меттахӀоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту. 19 Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла. 20 Бакъдерг аьлча хӀинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дӀавелла волчу Делан КӀантах тешаш со вехаш хилар. 21 Сайна Дала маьхза делла дика дӀа ца тотту ас. ХӀунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»

3

Товрат-хьехам а, тешар а

1 Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал! 2 Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? 3 Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? 4 Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! 5 Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!

6- 3:6 Доладалар 15:6; Римхошка 4:3. Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 7- 3:7 Римхошка 4:16. Иштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу. 8- 3:8 Доладалар 12:3. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. 9 Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.

10- 3:10 Карлабаьккхинарг 27:26 (Грекийн). Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла. 11- 3:11 Хьабукъа 2:4. Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву». 12- 3:12 Ӏамалъяр 18:5. Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».

13- 3:13 Карлабаьккхинарг 21:23. Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла. 14 И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.

Товрат хьехам а, Дала дина весет а

15 Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а. 16- 3:16 Доладалар 12:7. Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. 17- 3:17 Арадаккхар 12:40. Ас бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала. 18- 3:18 Римхошка 4:14. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.

19 ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца. 20 Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!

Товрат-хьехамийн Ӏалашо

21 ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. 22 Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. 23 Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. 24 Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. 25 Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.

Леш а доцуш, кӀентий ду вай

26 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду. 27 ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. 28 Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. 29- 3:29 Римхошка 4:13. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.

4

1 Амма аса боху шуьга: тӀаьхьенах дакъа кхочун долу кӀант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хӀуманна тӀехь лех къаста ца ло. 2 Цу берана тӀехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тӀехьожуш хӀоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тӀекхаччалц. 3 Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь. 4 Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, 5- 4:5-7 Римхошка 8:15-17. цу хьехамийн долахь берш паргӀат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.

6 Ткъа хӀинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КӀентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Ӏийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш. 7 Цундела хьо хӀинца, лай а воцуш, Делан кӀант ву. Ткъа хьох, кӀант хилча, хьо Делехула Цуьнан тӀаьхьенах а ву.

ПахӀал галатахой бахьанехь гӀайгӀане ву

8 ХӀетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара. 9 Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? 10 Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша! 11 Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.

12 Хилийша, вежарий, со санна! ХӀунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна. 13 Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегӀаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дӀа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Ӏийса волуш санна, тӀеийцира. 15 Ткъа хӀинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хӀетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бӀаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх. 16 Ткъа хӀинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагӀа хилла?

17 Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гӀертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дӀа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа. 18 Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Ӏаш. 19 Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц. 20 Лаьар-кха суна, хӀинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хӀунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.

Кхин сурт хӀоттор: ХӀажар а, Сарат а

21 Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга? 22- 4:22 а: Доладалар 16:15; б: Доладалар 21:2. Цу тӀехь яздина ма-ду, ИбрахӀиман ши кӀант хилла аьлла. Цхьаъ гӀарбаш йолчу ХӀажара винарг ву, важа паргӀат йолчу ИбрахӀиман зудчо винарг ву. 23 ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву. 24 Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу. 25 Ткъа Ӏаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХӀажарца» боьзна бу. Иза хӀинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХӀунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу. 26 Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргӀат ю. 27- 4:27 ЕшаӀ-ЯхӀу 54:1. Яздина ма-ду:

«Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг,

цкъа а бер хилла а йоцург!

Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг,

хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду,

майра волуш йолчун чул».

28 Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чӀагӀонца хилла бераш ду. 29- 4:29 Доладалар 21:9. ХӀетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хӀинца а ду иштта. 30- 4:30 Доладалар 21:10. Ткъа хӀун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта паргӀат йолчо винчу кӀантаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац». 31 Цундела, динан вежарий, вай гӀарбашан бераш а доцуш, паргӀат йолчун бераш ду.

5

ПаргӀато ларъяр

1 Дала леррина Къобалвинчо вай паргӀатонехь дахийтархьама елира вайна паргӀато. Цундела чӀагӀлой Ӏе шайн паргӀатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.

2 Аса, ПахӀала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна. 3 Аса кхин а цхьа тоьшалла до хӀора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тӀера дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан деза аьлла. 4 И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дӀа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла. 5 Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш. 6 ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.

7 Шу хаза догӀуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тӀаьхьахӀитта новкъарло? 8 Шу бакъдолчунна тӀера дӀадохуш болу кхетам шуьга Шена тӀекхойкхучу Делера бац. 9- 5:9 1 Коринтхошка 5:6. «КӀеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо». 10 Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.

11 Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара! 12 Шу гӀалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Ӏаш, баьӀна а хилахьара!

Делан Синца дахар

13 Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргӀатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргӀато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гӀуллакхаш вовшашка безам болуш. 14- 5:14 Ӏамалъяр 19:18. ХӀунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьӀна хӀокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». 15 Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта!

16 Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тӀаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша. 17- 5:17 Римхошка 7:15-23. Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама. 18 Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.

19 Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хӀума дар, 20 цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, 21 цабезам хилар, малар тӀехдаккхар, лар тӀера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хӀуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хӀинца а боху аса шуьга, и гӀуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.

22 Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, 23 эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац. 24 Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна.

25 Вайн дахар Делан Синца хилча, тӀаккха Делан Сино ма-бохху лела вай. 26 Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.

6

1 Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. 2 Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де. 3 Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво. 4 ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш. 5 ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла. 6 Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.

7 Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду. 8 Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. 9 Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош. 10 Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.

ЖамӀ дар

11 Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?! 12 Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта. 13 Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама. 14 Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера. 15 Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург! 16 И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.

17 ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю.

18 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий.

Амин.