Ӏезаран

тептар

Дешхьалхе

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцнарг олучу тептарна тӀаьхьа догӀучу Ӏезаран тептар тӀехь дуьйцуш ду Бавел-махке йийсаре бигначул тӀаьхьа яхӀудхойх цхьаберш цӀа берзарх а, Ярушалайм-гӀалахь Далла Ӏамалъяран а, дахаран а карладаккхарх а лаьцна. Хиллачух лаьцна ишттачу дакъошкахь дийцина: 1) Парсихойн паччахь волчу Къуреша динчу омрица яхӀудхойх хьалхара тоба Бавел-махкара цӀа ерзар (1-2 кортош); 2) Делан цӀа юхадар а, иза къобалдар а, Далла Ӏамалъяр карладаккхар (3-6 кортош); 3) Цул тӀаьхьа дуккха а шераш девлча, яхӀудхойн кхин цхьа тоба Ярушалайм-гӀала схьаерзар (7-10 кортош). Цу тобанан тхьамда товрат-хьехамаш кӀоргге хууш волу а, Ӏелам стаг волу а Ӏезар ву. Цуьнан гӀоьнца наха шайн дахар, дине а, юкъаметтигашка а хьаьжжина, карладоккху, Исраилан халкъан динан тӀаьхье ларъярхьама.

1

Къуреша йийсархошна ЯхӀуд-махка цӀа берза пурба ло

1- 1:1 Ярми-ЯхӀу 25:11; 29:10. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а: 2- 1:2 ЕшаӀ-ЯхӀу 44:28. «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. 3 Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла. 4 Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».

5 ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. 6 Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.

7 Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу. 8 Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира. 9 Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю:

дешин бошхепаш – ткъе итт;

детин бошхепаш – цхьа эзар;

арсаш – ткъе исс;

10 дешин кедаш – ткъе итт;

кхидолу детин кедаш – биъ бӀе итт;

кхидолу кедаш – цхьа эзар.

11 Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.

2

Юхабирзинчу йийсархойн дукхалла

(Нахьми-ЯхӀу 7:4-73)

1 ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина. 2 Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна.

ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:

3 ПарӀушан тӀаьхьенах берш – ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);

4 Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш – кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);

5 Арахьин тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта стаг (775);

6 Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархӀ бӀе шийтта стаг (2812);

7 Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);

8 Затун тӀаьхьенах берш – исс бӀе шовзткъе пхи стаг (945);

9 Закайн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);

10 Банин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе ши стаг (642);

11 Бебайн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе ткъе кхо стаг (623);

12 ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе ткъе ши стаг (1222);

13 Адуникхаман тӀаьхьенах берш – ялх бӀе кхузткъе ялх стаг (666);

14 БигӀвайн тӀаьхьенах берш – ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056);

15 Ӏадин тӀаьхьенах берш – виъ бӀе шовзткъе вейтта стаг (454);

16 Атари аьлла, кхин цӀе йолуш волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера – везткъе берхӀитта стаг (98);

17 Бецайн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе кхо стаг (323);

18 Йоврин тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шийтта стаг (112);

19 Хьашуман тӀаьхьенах берш – ши бӀе ткъе кхо стаг (223);

20 Гибарин тӀаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95);

21 Байтлахам-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе кхо стаг (123); 22 НатӀупат-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – шовзткъе ялхитта стаг (56); 23 Ӏанатот-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128); 24 Ӏазмават-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – шовзткъе ши стаг (42); 25 Кхиръят-ЯӀариман, Капира-гӀалин, Баировтан бахархойн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе шовзткъе кхо стаг (743); 26 Рамера а, ГибаӀ-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе ткъе цхьа стаг (621); 27 Михмасан бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе ши стаг (122); 28 Бетал-гӀалин а, ГӀай-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш – ши бӀе ткъе кхо стаг (223); 29 Набу-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – шовзткъе шийтта стаг (52); 30 МагӀбиш-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шовзткъе ялхитта стаг (156); 31 Ӏейлам-гӀала цӀе йолчу вукху гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254); 32 Хьарми-гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъа стаг (320); 33 Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а бахархойн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе ткъе пхи стаг (725); 34 Ерихонера бахархойн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе шовзткъе пхи стаг (345); 35 Саниара бахархойн тӀаьхьенах берш – кхо эзар ялх бӀе ткъе итт стаг (3630).

36 Динан дай:

Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах волчу ЮшаӀан доьзалера – исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг (973);

37 Амиран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052);

38 Пашихьуран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг (1247);

39 Хьармин тӀаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхӀитта стаг (1017).

40 Левихойн тайпанах болу нах:

ЮшаӀан а, Кхадмиалан а тӀаьхьенах болчу ХӀудав-ЯхӀун доьзалера – кхузткъе вейтта стаг (74).

41 Илланчаш:

Асайпан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128).

42 Делан цӀийнан кевнерачу гӀаролхойн тӀаьхьенах берш:

Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе ткъайоьсна стаг (139).

43 Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш:

Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,

44 Кхейрусан а, СияӀан а, Падунан а,

45 Либанин а, ХьагӀабин а, Ӏакхубин а,

46 ХьагӀибан а, Шалмайн а, Хьананан а,

47 Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхӀун а,

48 Рицанан а, Накхудин а, Газамин а,

49 Ӏузин а, Писухьан а, Бесайн а,

50 Аснин а, МуӀаниман а, Напусиман а,

51 Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,

52 Бацлутин а, Махьдин а, Хьарашин а,

53 Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,

54 Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.

55 Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш:

Сутайн а, Супартин а, Парудин а,

56 ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,

57 Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Амун а тӀаьхьенех берш.

58 Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а верриг а кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.

59 Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Аддан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 60 Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг вара (652).

61 Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун а, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг, Барзалай аьлла цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура.) 62 И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира. 63- 2:63 Лелар 27:21. ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.

64 Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара, 65 царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе илланча а вара. 66 Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а, 67 йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.

68 И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀа долчу дӀакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгӀаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цӀа карладаккхархьама. 69 Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгӀаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча + 2:69 Кхузткъе цхьаъ эзар дарик олу деши ахча – иза пхи бӀе кийланан барам бу. а, пхи эзар мин дети ахча + 2:69 Пхи эзар мин дети ахча – иза кхо эзар кийланан барам бу. а, цхьа бӀе динан дайша лелош йолу бедарш а елира.

70- 2:70 Арадаккхар 9:2; Нахьми-ЯхӀу 11:3. Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гӀаланашкахь + 2:70 Шайн-шайн гӀаланашкахь – цхьана ширачу гочдар тӀехь: Ярушалаймехь а, цунна гонах а. баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гӀаланашкахь даха охьахиира.

3

СагӀа доккхуш болу кхерч меттахӀоттор

1 Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира. 2- 3:2 Арадаккхар 27:1. Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра. 3- 3:3 Лелар 28:1-8. Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш. 4- 3:4 Лелар 29:12-38. Цул тӀаьхьа, товрат-хьехамашна тӀехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош+ 3:4 Кхалорийн деза денош – и дезде хӀора шеран ворхӀалгӀачу баттахь, ялта кхиарна баркалла кхайкхош, дӀахӀоттош хилла, ворхӀ дийнахь лаьтташ а хилла. дӀахӀиттийра цара. ХӀора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш дехира цара. 5- 3:5 Лелар 28:11–29:39. Цул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш. 6 Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагӀанаш даха долийра, Делан цӀийнан бух хӀинца а бина бацахь а.

Делан цӀа юхаметтахӀотто доладо

7 Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера. 8 Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта. 9 ЮшаӀ а, цуьнан вежарий а, кӀентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кӀентий а (уьш ХӀудав-ЯхӀух+ 3:9 ХӀудав-ЯхӀух – я иштта: ЯхӀудах. Хьажа аят 2:40. схьабевллера) бара Делан цӀенна тӀехь беш болчу балхана тӀехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кӀентий а, церан вежарий а, кӀентий а.

10- 3:10 1 Шерашкахь 25:1. ГӀишлоярхой Делан цӀийнан бух боьттина бевлира. ТӀаккха динан дайша, шайн духарш тӀе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кӀенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цӀестан жима негӀарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дӀалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хӀума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. 11- 3:11 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 117:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11. Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дӀаолура:

«Веза Эла ма дика ву,

массо а ханна бу Исраилан халкъе болу

Цуьнан хедар боцу безам».

Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хӀунда аьлча Делан цӀийнан бух боьттина баьллера. 12 Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цӀа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цӀийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара. 13 Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хӀунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.

4

Делан цӀа юхаметтахӀотторна дуьхьалбовлар

1 ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла. 2 Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду».

3 Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».

4 ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама. 5 Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша+ 4:5 Дари-Ваша – оцу гӀуллакхех лаьцна ткъе доьалгӀачу аятана тӀера кхидӀа дуьйцуш ду. ЯлхалгӀачу аятана тӀера ткъе кхоалгӀачу аятана тӀекхаччалц дуьйцуш дерг бӀе шо сов хан яьллачул тӀаьхьа ду. паччахь дӀахӀотталц.

Ярушалайм юхаметтахӀотторна дуьхьалдаккхар

6- 4:6 Эсират 1:1 (грекахойн). Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхӀудхойн мостагӀаша Ярушалайман а, ЯхӀудан а бахархой бехкебеш кехат яздира.

7 Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера+ 4:7 БорхӀалгӀачу аятана тӀера дуьйна, йолхалгӀачу коьртан берхӀитталгӀачу аятана тӀекхаччалц Ӏебархойн меттан метта хӀара тептар арамхойн маттахь яздина ду. Арамхойн мотт парсихойн пачхьалкхан мотт бара..

8 ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:

9 «Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а. 10 Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».

11 ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам:

«Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара. 12 Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. 13 Нагахь санна и гӀала юхаметта а хӀоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду. 14 Иштта, паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела+ 4:14 Паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела – ма-дарра аьлча: паччахьан цӀен тӀера туьха дууш тхо долу дела., тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хӀара кехат яздо хьоьга. 15 Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина. 16 Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гӀалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадӀахӀоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац».

17 Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира:

«Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а. 18 Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дӀадешна. 19 Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла. 20 Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла. 21 Ткъа аша хӀинца цу нахана тӀедилла деза, Ярушалайм юхаметтахӀоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла. 22 Ларлолаш, цу хӀуманна тӀехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хӀума сов ма далийталаш!»

23 Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дӀадешна ма-делли, цара, сихха яхӀудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира.

Делан цӀа юхаметтахӀоттор юха а доладар

24- 4:24 Хьагай 1:1; Закри-ЯхӀу 1:1. Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.

5

1- 5:1 Хьагай 1:1; Закри-ЯхӀу 1:1. Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. 2- 5:2 Хьагай 1:12; Закри-ЯхӀу 4:6-9. ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.

3 Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. 4 ТӀаккха оха дӀайийцира царна и гӀишло еш болчеран цӀераш. 5 Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц. 6 Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. 7 Кехатан чулацам хӀара бу:

«Боккхачу машарехь Ӏойла хьо, Дари-Ваша-паччахь! 8 Паччахьна дӀахоийла тхо яхӀудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цӀа дахана хилар. ЯхӀудхоша и цӀа даккхийчу тӀулгех деш ду, цу тӀулгашна юккъе дечиган дукъош а хӀиттош. ЯхӀудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо. 9 Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ – аьлла. 10 Цул сов, оха церан цӀераш а хаьттира. Тхан Ӏалашо яра церан цӀераш дӀаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама. 11 Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цӀа юхаметтахӀоттош ду тхо. ХӀара цӀа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду. 12- 5:12 2 Шерашкахь 36:17-20; Ярми-ЯхӀу 52:12-15. Амма тхан дайша стигалара Дела оьгӀазвахийтира. ТӀаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дӀабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цӀа доха а дина, халкъ Бавеле дӀадигира. 13- 5:13 Ӏезар 1:2-11. Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цӀа юхаметтахӀоттаде аьлла. 14 Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира. 15 Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’. 16 ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“. 17 Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».

6

Къуреш-паччахьо дина омра тептарш тӀехь карадар

1 Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тӀедиллира, Бавел-гӀалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дӀадиллина долчу тептарш тӀера цу хӀуманах лаьцна дӀаяздинарг схьалаха аьлла. 2 Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гӀалин паччахьан цӀа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тӀехь яздина хилла:

«Диц ца далийта:

3 Шен паччахьалла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнах лаьцна омра дира. СагӀанаш доху меттиг санна Делан цӀа дӀахӀоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цӀийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза. 4 Цу цӀийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тӀулгех динчу кхоккха могӀарна тӀе дечиган бӀогӀамех бина цхьа могӀа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза. 5 Делан цӀенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегӀаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра схьа а эцна, Бавел-гӀала дӀаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юхаерзо еза. Царах йолу хӀора хӀума Делан цӀа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».

Дари-Ваша-паччахьо Делан цӀа кхидӀа а дан тӀедиллар

6 Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дӀадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагӀерта ца беза. 7 Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхӀудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цӀа ша хьалха хиллачу метте дӀахӀоттаде. 8 Делан цӀа деш болчу яхӀудхойн тхьамданашна гӀо дар аса шуна тӀедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хӀума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цӀен тӀехь болх беш болчу нахана дӀало и болх цаьрга саца ца байта. 9 Цу нахана царна оьшуш мел долу хӀума дӀало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагӀанаш даха эсий, уьстагӀий я Ӏахарш эшахь, царна уьш дӀало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кӀа а, туьха а, чагӀар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хӀора дийнахь дӀало. 10 ЯхӀудхойн динан дайшна и шадерг а дӀало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагӀанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а дахарна тӀера доӀанаш дайта а.

11 Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хӀара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цӀийнах боллуш болу бӀогӀам схьа а баьккхина, иза цу бӀогӀамана тӀевогӀа. И зулам бахьана долуш цуьнан цӀенойх саьлнаш ян еза. 12 Ярушалайм Шен цӀе язъян хаьржинчу Дала таӀзар дойла хӀара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цӀа дохо шен куьг дӀакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а.

Аса, Дари-Вашас, хӀара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хӀара кхочушдойла».

Делан цӀа дина далар а, иза къобалдар а

13 ТӀаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора. 14- 6:14 а: Хьагай 1:1; б: Закри-ЯхӀу 1:1. ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг. 15 Делан цӀа дина делира Адар-беттан кхозлагӀчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгӀачу шарахь. 16 Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цӀа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. 17 Делан цӀа къобалдечу хенахь цара Далла сагӀа доккхуш бӀе сту а, ши бӀе уьстагӀ а, биъ бӀе Ӏахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагӀа даккха цара шийтта бож а ялийра – хӀора Исраилан тайпанан цӀарах – цхьацца бож. 18 Цул тӀаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тӀехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа долчохь гӀуллакх дан дӀахӀиттийра.

Пасахь олу дезде

19- 6:19 Арадаккхар 12:1-20. Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхӀудхоша « Пасахь» олу дезде даздира. 20 Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира. 21 Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хӀуманех шаьш дӀакъастийначара а йоура Пасахьан юург. 22 ВорхӀ дийнахь чӀогӀа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хӀунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан+ 6:22 Ашур-мехкан паччахь – схьахетарехь, вуьйцуш верг парсихойн паччахь ву. Исраилан халкъан шира мостагӀий болчу ашурхойн мохк парсихойн паччахьо схьабаьккхина бара оцу хенахь. дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цӀа дан гӀо дайтира Цо.

7

Ӏезар Ярушалайме вогӀу

1 Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар. 2 Хьалкхи-ЯхӀу Шалуман кӀант хилла, Шалум ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант хилла, 3 Ахьтуби Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилла, Ӏазар-ЯхӀу Маръютин кӀант хилла, 4 Маръюти Зарахь-ЯхӀун кӀант хилла, Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант хилла, Ӏузи Букхайн кӀант хилла, 5 Букхай АбишуӀан кӀант хилла, АбишуӀ Пайнехьасан кӀант хилла, Пайнехьас ЭлиӀазаран кӀант хилла, ткъа ЭлиӀазар динан коьрта да волчу АхӀаронан кӀант хилла.

6 Ӏезар Бавел-гӀалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Ӏелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Ӏезарна цо мел дехна долу массо а хӀума делла хилла, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏезарца хилла. 7 Ӏезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхӀалгӀачу шарахь схьабаьхкира. 8 Ӏезар Ярушалайм-гӀала схьавеара Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу баттахь. 9 Ӏезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гӀалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гӀала схьабаьхкинера пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, хӀунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. 10 Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.

Артахь-Шаштас Ӏезаре кехат яздо

11 Динан да а, Ӏелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Ӏезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХӀара бу цу кехатан чулацам:

12 «Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а+ 7:12-26 ШуьйтталгӀачу аятана тӀера дуьйна, ткъе йолхалгӀачу аятана тӀекхаччалц хӀара тептар арамхойн маттахь яздина ду..

13 Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду. 14 Сан а, сан ворхӀ хьехамчийн а цӀарах вахийтина ма ву хьо ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама. 15 Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цӀа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагӀина делла деши а, дети а хьайца дӀадахьа деза ахьа. 16 Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна сагӀина дӀаделларг а хьайца дӀахьо. 17 Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагӀий а, Ӏахарий а иштта кӀа а, чагӀар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан кертахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь и массо а хӀуманаш сагӀина ло. 18 Хьуна а, хьан накъосташна а тӀаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь. 19 Делан цӀа чохь гӀуллакх дан хьайга дӀаелла йолу пхьегӀаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дӀа а хьой, охьахӀиттае. 20 Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цӀенна оьшуш мел долу хӀума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дӀадахьа.

21 Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тӀедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Ӏезара дӀадеххнарг, мало а ца еш, дӀало. 22 Цхьа бӀе гали дети а, пхи бӀе гали кӀа а, ворхӀ бӀе чами чагӀар а, ворхӀ бӀе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Ӏезаре дӀадала мега. 23 Стигаларчу Дала Шен цӀенна мел дехнарг Цунна леррина дӀадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кӀенташна а оьгӀаз ца вахийта. 24 Кхин цхьа хӀума а ду сан хьоьга дӀахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхочуьнгара а, иштта Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац.

25 Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш. 26 Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Ӏедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таӀзар дан догӀуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дӀаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».

Ӏезара Далла хастамаш бо

27 Ӏезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан иштта сийде аьлла. 28 Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гӀо дарна, со иракара а хӀоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».

8

Йийсарера юхабирзинарш

1 ХӀорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Ӏезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тӀехь аса дӀаязбинчеран а цӀераш:

2 Пайнехьасан тӀаьхьенах – ГӀиршан;

Итамаран тӀаьхьенах – Даниал;

Даудан тӀаьхьенах – Хьатуш;

3 Шихан-ЯхӀун тӀаьхьенах берш;

ПарӀушан тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу а, цуьнца цхьаьна цхьа бӀе шовзткъе итт дӀаязвина боьрша стаг а;

4 Пахьат-Муабин тӀаьхьенах – Зарахь-ЯхӀун кӀант Эли-ЯхӀу-Ӏейни а, цуьнца ши бӀе боьрша стаг а;

5 Затун тӀаьхьенах – Яхьазиалан кӀант Шихан-ЯхӀу а вара, цуьнца кхо бӀе боьрша стаг а;

6 Ӏадин тӀаьхьенах – ЯхӀунатин кӀант Ӏабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а;

7 Ӏейламан тӀаьхьенах – Ӏатал-ЯхӀун кӀант ЯшаӀ-ЯхӀу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;

8 Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах – Микаалан кӀант Забди-ЯхӀу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а;

9 Йоабан тӀаьхьенах – Яхьиалан кӀант Ӏабди-ЯхӀу а, цуьнца ши бӀе берхӀитта боьрша стаг а;

10 Банин тӀаьхьенах – Юсуп-ЯхӀун кӀант Шалумати а, цуьнца бӀе кхузткъа боьрша стаг а;

11 Бебайн тӀаьхьенах – Бебайн кӀант Закри-ЯхӀу а, цуьнца ткъе бархӀ боьрша стаг а;

12 ӀазгӀадин тӀаьхьенах – ХӀакхитанан кӀант Йохьан а, цуьнца бӀе итт боьрша стаг а;

13 Адуникхаман тӀаьхьенах тӀаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯӀиал, ШамӀа-ЯхӀу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а;

14 БигӀвайн тӀаьхьенах – Ӏутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а.

Ярушалайме юхаберзар

15 Аса АхӀава-гӀала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара. 16 ТӀаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиӀазаре а, Ариале а, ШамӀа-ЯхӀуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхӀуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Ӏелам нах болчу ЯхӀу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира. 17 Аса и нах Касипай-гӀалин куьйгалхо волчу Ӏидуна тӀе бахийтира, цара Ӏидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дӀаала дезарг дӀа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийраш бу. Аса и нах Ӏиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цӀа долчохь гӀуллакх дайтархьама. 18 Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Ӏидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхӀу ваийтира. Иза Левин кӀант волчу Махьлин тӀаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кӀентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхӀу а, цуьнан кӀентӀий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхӀитта стаг веара тхо долчу. 19 Цара иштта Мерарин тӀаьхьенах волу Хьашби-ЯхӀу а, ЯшаӀ-ЯхӀу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара. 20 Цара иштта ши бӀе ткъа Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тӀеман хьаькамаша а левихошна гӀо дан хаьржина хилла. Церан цӀераш массеран а цӀерашна юкъахь дӀаязйина хилла.

21 Цигахь, АхӀава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дӀаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла. 22 Тхан некъаш тӀехь мостагӀий хила мегара, делахь а суна чӀогӀа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хӀунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хӀора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгӀазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». 23 Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира.

24 Цул тӀаьхьа куьйгалла деш болчу динан дайшна юкъара аса шийтта схьахаьржира. Цул сов Шараб-ЯхӀу а, Хьашби-ЯхӀу а, церан гергарчарах итт а схьакъастийра ас. 25 Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цӀенна дӀаделла долу деши а, дети а, пхьегӀаш а. 26 Оьзначул тӀаьхьа аса церан кара хӀара дӀаделира:

дети – ялх бӀе шовзткъе итт мазал;

детин пхьегӀаш – бӀе;

деши – бӀе мазал;

27 дешин кад – ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал);

дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цӀестан пхьегӀа – шиъ.

28 Цул тӀаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хӀара пхьегӀаш а, Везачу Элана дӀа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХӀара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгӀаташ ду. 29 И хӀуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц». 30 Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегӀаш а шайга дӀаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цӀа чу дӀаяхьа.

31 Шеран хьалхарчу беттан шийтталгӀачу дийнахь АхӀава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагӀех а, талорхойх а лар а деш. 32 Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьӀира. 33 ДоьалгӀачу дийнахь оха, Делан цӀа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегӀаш а динан да волчу УръяхӀун кӀанте Мармутига дӀаелира. Мармутица Пайнехьасан кӀант ЭлиӀазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаӀан кӀант Юзабди а, Бинуйн кӀант НуӀад-ЯхӀу а вара. 34 Оха массо а хӀума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дӀаязйира.

35 Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагӀ а, кхузткъе вуьрхӀитта Ӏахар а сагӀина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагӀа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагӀанаш санна еара Везачу Элана. 36 Цул тӀаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дӀаделира и паччахьан весеташ. ТӀаккха цу куьйгалхоша гӀо дира Исраилан халкъана а, Делан цӀенна а.

9

Исраилхоша шайна кхечу халкъийн зударий балийнийла Ӏезарна дӀахаар

1 И хӀума чекхдаьллачул тӀаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаӀанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Ӏамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Ӏаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гӀуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дӀа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а. 2 Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». 3 И дешнаш сайна хезча, аса сайна тӀейоьхна йолу тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийра, сайн коьртара а, маж тӀера а чоьш а дехира. Со чӀогӀа гӀайгӀане хилла охьахиира. 4 ТӀаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гӀуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧӀогӀа гӀайгӀане волу со суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаччалц Ӏийра.

5 Суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаьчча, со хьалагӀаьттира. Сан тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийна яра. Гора а хӀоьттина, аса сайн Везачу Деле куьйгаш дӀакховдийра. 6 Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дӀа ца хьажало, хӀунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. 7 Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тӀекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дӀаделира Ахь. Уьш тхуна тӀе а летара, тхан нах цара дӀа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура.

8 Ткъа хӀинца, ва тхан Веза Дела, кӀезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кӀелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бӀаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кӀелхьара а даьхна. 9 Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цӀа дохийначуьра юхаметтахӀотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а тхо хӀинца маьршачу пенашна тӀехьа Ӏало.

10 Ткъа хӀинца, тхан Дела, оха хӀун эр ду Хьоьга, Ахьа тӀедиллинчунна тӀера тхо дӀадевлла хилча? 11 Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дӀадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Ӏаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гӀуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хӀуманаш а лелош, церан боьхачу гӀуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. 12- 9:12 Арадаккхар 34:11-16; Карлабаьккхинарг 7:1-5. Цундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. 13 Тхайна тӀехӀоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тӀехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таӀзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кӀезиг таӀзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кӀелхьардовла пурба а делира. 14 Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хӀаллакдал чӀогӀа оьгӀаз муха гӀур вац Хьо? ТӀаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кӀелхьар а вер вац. 15 Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тӀекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тӀера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!»

10

Эдина маренаш дӀадахаран хьокъехь бина барт

1 Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара. 2 ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина. 3 Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара. 4 ХьалагӀатта, Ӏезар, хӀунда аьлча хӀара хьан гӀуллакх ду, оха хьоьгахьа гӀо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гӀуллакх чекхдаккха!»

5 Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира. 6 Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза.

7 Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла. 8 Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла. 9 Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.

10 Динан да волчу Ӏезара, хьала а гӀаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хӀума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла. 11 Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста».

12 ТӀаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чӀогӀа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха. 13 Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хӀинца догӀанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хӀума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хӀунда аьлча оцу къилахьчу гӀуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу. 14 Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гӀаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гӀалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гӀуллакхна Дела оьгӀазваханчуьра ваставаллалц». 15 Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ӀасахӀалан кӀант ЯхӀуната а, Тикхавин кӀант Яхьзи-ЯхӀу а вара. Цу шинна тӀетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара.

16 Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла. 17 Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гӀуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира.

Шайна кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш

18 Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю:

ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.

19 Цара массара а дош делира шайн зударех дӀакъаста. Цул тӀаьхьа цара хӀорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагӀ гӀуда такхаран сагӀа санна бахьара.

20 Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а;

21 Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а;

22 Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а;

23 Левихойх болу Юзабди а, ШамаӀи а, Кхали-ЯхӀу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхӀу а, ЯхӀуд а, ЭлиӀазар а;

24 Илланчашна юкъара Элишуб а хилла.

Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла.

25 Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла:

ПарӀушан тӀаьхьенах волу Рами-ЯхӀу а, Язи-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, Мияман а, ЭлиӀазар а, Малки-ЯхӀу а, БенъяхӀу а.

26 Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а.

27 Затун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюӀейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхӀу а, Еримати а, Забад а, Азази а.

28 Бебайн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯхӀу-Хьана а, Хьанан-ЯхӀу а, Забай а, Ӏатилай а.

29 Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Ӏади-ЯхӀу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а. 30 Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Ӏаднан а, Калил а, БенъяхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а.

31 Хьармин тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиӀазар а, Йоши-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, ШимӀа а, 32 Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхӀу а.

33 Хьашуман тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаӀи а.

34 Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: МаӀдай а, Ӏамрам а, Уал а, 35 БенъяхӀу а, Беди-ЯхӀу а, ХелихӀу а, 36 Вани-ЯхӀу а, Мармути а, Элишуб а, 37 Матан-ЯхӀу а, Матинай а, ЯӀсай а.

38 Бинуйн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ШамаӀи а, 39 Шалам-ЯхӀу а, Ната а, Ӏади-ЯхӀу а, 40 Махнидбай а, Шашай а, Шарай а, 41 Ӏазариал а, Шалам-ЯхӀу а, Шамри-ЯхӀу а, 42 Шалум а, Амар-ЯхӀу а, Юсуп а.

43 Набун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯӀиал а, Матит-ЯхӀу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхӀу а.

44 Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара+ 10:44 Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара – я иштта: Цу наха, шайн зударех дӀа а къаьстина, уьш а, цара дина бераш а шайна юххера дӀадехира..