Яхьазкхиал-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Яхьазкхиал-пайхамар Бавел-махкахь йийсарехь вара Ярушалайм-гӀала йожале хьалха а, йоьжначул тӀаьхьа а (иза дара 586-чу шарахь Дала леррина Къобалвинарг дуьнен чу валале). Цо бо хаамаш Бавел-махкахь йийсарехь болчарна а, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш болчарна а лерина бара.
Яхьазкхиал-пайхамаран тептар коьртачу ялх декъе декъа тарло: 1) Дала Яхьазкхиале, пайхамар хила аьлла, схьакхайкхар (1–3 кортош); 2) нахе Дала царна тӀехь кхел йийриг хиларх а, Ярушалайм-гӀала южург хиларх а, иза йохийна хирг хиларх а дӀахьедар дар (4–24 кортош); 3) Шен халкъана тӀехь гӀело йинчу а, иза Ӏехийнчу а къаьмнашна Ша кхел йийриг хиларх лаьцна Везачу Элера болу хаамаш (25–32 кортош); 4) Ярушалайм-гӀала йоьжначул тӀаьхьа Исраилан халкъана синтем богӀург хиларх а, хиндерг сов дика хиларх а йина чӀагӀо (33–37 кортош); 5) ГӀогӀ-элана дуьхьал бина Делера болу хаам (38–39 кортош); 6) Делан цӀа а, халкъ а юхаметтахӀотторах лаьцна долу Яхьазкхиална хьалха дӀахӀоьттина сурт (40–48 кортош).
Яхьазкхиал кӀоргге тешар долуш а, боккха кхетам болуш а волу стаг вара. Шена хьалха хӀиттинчу суьрташкахула иза дика кхетара, ткъа нахана лерина болу а, Делера болу а шен хаамех дукхахберш цо билгалонаш санна долчу гӀуллакхашкахула бора. Адаман дог а, са а кийрахь карладаккха дезаран а, хӀора стаг ша летийнчу къиношна жоп дала дезаш хиларан а чӀогӀа тидам бо Яхьазкхиала. Цо иштта хоуьйту, къоман дахар карладаккхаре шен сатийсар хилар. Яхьазкхиал пайхамар хилла ца Ӏара. Иза динан да а вара. Цундела Делан цӀийнан а, адаман цӀена дахар хиларан а цо къаьсттина гӀайгӀа бора.
1Делан Ӏарш
1- 1:1 Довзийтинарг 19:11. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира. 2- 1:2 ТӀаьххьарнаш 24:10-16; 2 Шерашкахь 36:9, 10. Оццу беттан пхоьалгӀачу дийнахь (иза дара ЯхӀу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгӀачу шарахь), 3 соьга, динан да волчу Бузин кӀанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь+ 1:3 *Хашадхойн мохк *– иза Бавел-мохк бу.* Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира.
4 Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цӀаста санна йолу хӀума яра. 5- 1:5 Довзийтинарг 4:6. Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. 6 Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара. 7 Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра. 8 Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара. 9 Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора.
10- 1:10 Яхьазкхиал 10:14; Довзийтинарг 4:7. Церан хӀораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агӀор – стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра. 11 Церан шишша тӀам+ 1:11 *Церан шишша тӀам *– иштта ду цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь: *Церан яххьаш а, церан тӀемаш а.* царна тӀехула дӀасабаржийна бара. ХӀораннан а шишша тӀам вукхуьнан тӀемех хьакхалуш бара. ХӀораннан а иштта кхин а шишша тӀам бара, цаьрца шайн догӀмаш къайладохура цара. 12 Уьш хӀорра муьлххачу а агӀор дӀадахалора. Шайн са дӀагӀертачу агӀор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дӀаса а ца доьрзуш.
13- 1:13 Довзийтинарг 4:5. Дийнатийн сибат, догуш долу кӀегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цӀе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра. 14 Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ.
15- 1:15-21 Яхьазкхиал 10:9-13. Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь. 16 ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. 17 И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура. 18- 1:18 Довзийтинарг 4:8. Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара. 19 И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора. 20 Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. 21 И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.
22- 1:22 Довзийтинарг 4:6. Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш. 23 Цу нартол бухахь дӀасадахийтина церан тӀемаш дара, хӀораннан а тӀам вукхуьнан тӀомах кхеташ. Ши тӀам царна тӀехула дӀабоьдуш бара, ткъа вукху шина тӀомо церан дегӀ дӀахьулдора. 24- 1:24 Довзийтинарг 1:4-15; 19:6. Уьш дӀадоьлхучу хенахь суна церан тӀемийн гӀовгӀа хезара. Церан тӀемаша, дӀадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гӀовгӀа йоккхура. И гӀовгӀа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гӀовгӀа санна хеталора. И дийнаташ дӀадоьлхучуьра совццушехь, тӀемаш церан агӀонашна тӀедуьжура. 25 Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тӀемаш охьадахийтича, церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехулара аз схьахезара.
26- 1:26 Яхьазкхиал 10:1; Довзийтинарг 4:2, 3. Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара. 27- 1:27 Яхьазкхиал 8:2. Суна гира гӀодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цӀеран алу санна, иза лепачу цӀастанах тера хилар. Ткъа гӀодаюкъана охьа а цӀе летта лепаш санна йолу хӀума гира суна. 28 ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш.
21 Иштта дара суна хӀоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт.
Дала Яхьазкхиале пайхамар хила схьакхайкхар
Сайна иза гича, голаш тӀе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаӀийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХьалахӀотта хьайн когаш тӀе, Со хьоьга вистхила воллу». 2 Соьга Иза вистхуьлучу хенахь, суна чу Делан Са а деана, Цо со сайн когаш тӀе ирахӀоттийра. Къамел Деш Верг хезира суна. 3 Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу. 4 Уьш чӀогӀа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дӀаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“ 5 Иза чӀогӀа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогӀахь а, я ла ца догӀахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.
6 Амма хьо, адаман кӀант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кӀохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Ӏаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. 7 Ас бохург цаьрга дӀаала, цара ладогӀахь а, ла ца догӀахь а. Уьш аьрха нах ма бу.
8 Ткъа ахьа, адаман кӀант, Ас хьайга бохучуьнга ладогӀа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гӀаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дӀадаа». 9- 2:9, 10 Довзийтинарг 5:1. ТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара. 10 Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.
31- 3:1-3 Довзийтинарг 10:9, 10. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».
2 ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира. 3 ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.
4 Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Исраилан халкъ долчу а гӀой, цаьрца Сан дешнашца къамел де. 5 Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тӀе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту. 6 Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тӀе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугӀур дара. 7 Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугӀур дац, хӀунда аьлча цунна Соьга ладогӀа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чӀогӀа дегнаш долуш а ду. 8 Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чӀогӀа дог долуш а вина, дӀахӀоттор ву. 9 Алмаз тӀулгал а чӀогӀа ду, иштта чӀогӀа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».
10 Цо соьга кхидӀа а элира: «Адаман кӀант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тӀеэца, хьайн лергашца дӀа а лаца. 11 Бавел-махка йийсаре дӀабигначу хьайн къомах берш болчу а гӀой, цара хьоьга ладогӀахь а, ла ца догӀахь а, цаьрга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“»
12 ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!» 13 Суна иштта дийнатийн тӀемаш вовшахъхьекхалуш а хезира, царна уллорачу чкъургаша еш йолу гӀовгӀа а хезира. Иза стигал къекъарх тера яра. 14 Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ. 15 Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Ӏаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхӀ дийнахь Ӏийра со цигахь, царна юкъахь, чӀогӀа догдоьхна а волуш.
Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар
(Яхьазкхиал 33:1-9)
16 ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира: 17 «Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа. 18 Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. 19 Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду.
20 Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. 21 Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».
Яхьазкхиал вистхилалур вац
22 Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гӀаттий, аренга дӀагӀо, цигахь Со вист хир ву хьоьга».
23 Хьала а гӀаьттина, со аренга дӀавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТӀаккха со сайн юьхь лаьтта тӀе кхачош охьавуьйжира. 24 ТӀаккха, суна чу Делан Са а доьссина, Цо со когаш тӀе ирахӀоттийра. ТӀаккха Иза соьга вистхилира: «Хьайн цӀа а гӀой, цу чохь дӀакъовлало. 25 Хьо, адаман кӀант, машшашца дӀа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама. 26 Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дӀалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дӀа ца хьебайтархьама а, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду. 27 Цул тӀаьхьа, Ас хьоьца кхидӀа а къамел дича, хьан бага хьалагӀатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогӀа луучо ладогӀа, ладогӀа ца луучо ла ма догӀа, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду».
4Ярушалайм-гӀалина го беш гайтар
1 «Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла. 2 ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде. 3 Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю.
4 Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду. 5 Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош. 6 Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.
7 Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе. 8 Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц.
9 Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза. 10 Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал+ 4:10 *Шекхал *– цхьа шекхал итт грамм барамал яра.* хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза. 11 Дийнахь сарралц кхо кад хи мала йиш ю хьан, билгалъяьхначу хенашкахь а молуш. 12 Адамах дӀакъаьстинчу якъаеллачу боьхаллашна тӀехь датта а доттуш, хьайн кхача, мекхан демах бина хьокхам санна, баа беза ахьа, адамашна дӀа а гойтуш».
13 Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хӀумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цӀера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дӀалаьхкича».
14 ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хӀума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».
15 ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Дика ду, Ас пурба лур ду хьуна адамийн боьхаллийн метта бежанийн кхо даго, хьайна кхача бечу хенахь».
16 Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду, 17 хӀунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».
5Яхьазкхиала шен корта башар
1 «Ткъа ахьа, адаман кӀант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дӀаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа. 2 Цу месех кхозлагӀа долу дакъа, гӀалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гӀалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гӀалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тӀаьххьара дакъа мохехь дӀасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тӀаьхьавер ву. 3 Ткъа ахьа, ваха а гӀой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дӀадехка. 4 Хьайн бедарх дӀайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цӀерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цӀе дӀасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тӀекхаччалц».
5 Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса. 6 Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара». 7 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чӀогӀа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тӀедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тӀелаьцна бакъонаш лар ца ярна а, 8 Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХӀинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тӀехь кхел йийр ю. 9 Аса шуна тӀехь Айса цхьанна а тӀехь ца динарг а, я цхьанна а тӀехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гӀуллакхаш бахьана долуш. 10- 5:10 Тийжамаш 4:10. Иштта, мацалла хӀоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тӀехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьӀӀехула дӀасалохкур бу“.
11 Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. 12 Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу.
13 ТӀаккха, Сан оьгӀазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тӀехь йисча а, Со Ӏебар ву. Царна тӀехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар. 14 Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, ткъа хӀора хьуна тӀехволург хьох кхаьрдар ву.
15 Сайн оьгӀазаллехь а, дераллехь а хьуна тӀехь, кхел а йина, таӀзар дича, хьох эхье хӀума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дӀахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса. 16 Ас шуна тӀе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хӀаллакдархьама. Аса шуна тӀехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хӀаллакбийр бу. 17- 5:17 Довзийтинарг 6:8. Шуна тӀе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хӀаллакдийр ду. ГӀалахь Ӏожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тӀе тӀом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса».
6ЦӀушна Ӏибадат дарна дуьхьал хилар
1 Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга. 3 Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама. 4 Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду. 5 Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю. 6 Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю. 7 Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
8 Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу. 9 Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш. 10 Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“».
11 Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дӀаала: „Жолам-яӀ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш хӀаллакьхир ма бу. 12 Генахь верг Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тӀе Сайн оьгӀазалла. 13 ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хӀаллакбина болу уьш шайн цӀушна юкъахь а, шайн сагӀа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тӀехь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а, хӀора тӀехь гӀа долчу дитта кӀел а, иштта шен гаьннаш дӀаса дахийтинчу ножан диттана кӀел а – шаьш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цӀушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Ӏохкучу хенахь. 14 Сайн ницкъ царна тӀе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тӀера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гӀалина тӀекхаччалц Ас дассийна дӀахӀоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
7Исраилан халкъана чаккхе тӀекхачар
1 ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира: 2 «ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.
3 Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 4 Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».
5 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу! 6 ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна. 7 Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.
8 Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 9 Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.
10 ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна. 11 ГӀелоно харцо кхиайо. Царах цхьа а вуьсур вац. Цхьа а хӀума дуьсур дац оцу тобанах а, церан бахамах а, церан сийлаллех а.
12 ТӀекхаьчна зама, тӀедеана къематде. ХӀума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хӀума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду. 13 ХӀума йоьхкинарг ша доьхкинчу лаьтта тӀе юхавоьрзур вац, иза а, хӀума эцнарг а дийна волчу хенахь, хӀунда аьлча хӀокху суьртехь хӀоьттинарг массарна а ду, ткъа иза юха ца доьрзуш ду. Шайн къинош бахьана долуш царах цхьаьнгге а шайн дахар кӀелхьара а даккхалур дац. 14 Цара коьман маӀа локхур ю, уьш тӀамана а кечлур бу, амма царах цхьа а тӀамтӀе а гӀур вац, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду».
Исраилан халкъан къиношна таӀзар дар
15 «Карахь тарраш долу мостагӀий гӀалина арахь бу, ткъа Ӏожаллин ун а, мацалла а гӀалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гӀалина чоьхьа берш мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакбийр бу. 16 Ткъа биснарш, лаьмнашка дӀа а бахана, цигахь хир бу, тогӀешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду. 17 Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю. 18 Цара шайна тӀе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хӀораннан а юьхь тӀехь юьхьӀаьржачу хӀоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду. 19 Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хӀума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кӀезиг гӀо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хӀуманашка церан мацалла а дӀаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. 20 Шайн дашочу а, даточу а хӀуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хӀуманех шайн дегаза а, ирча а цӀуш бора, цундела Аса оцу хӀуманех царна дегаза хеташ долу хӀума дийр ду.
21 Ас и хӀуманаш хӀонс санна хийрачу нехан кара дӀалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. 22 Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цӀа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
23 Дейша буржалш, хӀунда аьлча цӀий Ӏанош болчарах буьзна бу хӀара мохк, гӀело ечарах юьзна ю хӀара гӀала. 24 Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цӀенош дӀалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша. 25 Къемат хӀуттур ду Сан халкъана тӀе. Цара машар лохур бу, амма иза царна карор бац. 26 Цхьа сингаттам дӀабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хӀуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Ӏамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. 27 Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тӀе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дӀалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла».
8Ярушалайм-гӀалахь цӀушна Ӏибадат дар
1 Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа йолхалгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со сайн цӀа чохь хиъна Ӏаш а волуш, суна хьалха хевшина Ӏаш яхӀудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тӀе. 2- 8:2 Яхьазкхиал 1:27. Суна адаман дегӀан суьртехь цӀерах йогуш йолу цхьа хӀума гира. Цуьнан гӀодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цӀе санна яра, ткъа цуьнан гӀодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цӀаста санна дара. 3 Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу.
4- 8:4 Яхьазкхиал 1:28. Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу. 5 Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Къилбаседехьа дӀахьажа». Со къилбаседехьа дӀахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агӀор сагӀа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цӀу вара.
6 ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду».
7 Цул тӀаьхьа Цо со цу кертан чувогӀийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Ӏуьрг гира. 8 ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неӀ гира. 9 Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хӀуманашка хьажа». 10 Чу а ваьлла, гонах дӀасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тӀехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Ӏамал еш мел болчу цӀуйн а суьрташ. 11 Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кӀант Яъзан-ЯхӀу а вара. ХӀораннан а карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегӀазах йогӀу хаза хьожа яра. 12 ТӀаккха Цо элира: «Адаман кӀант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цӀушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хӀораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана“».
13 Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хӀуманаш лелош». 14 Цо со Везачу Элан цӀийнан къилбаседехьа долчу кевнан неӀаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Ӏаш болу зударий гира.
15 Цо соьга элира: «ХӀара хӀума гой хьуна, адаман кӀант? Вало Соьца, кхин а ирча гӀуллакхаш а гур ду хьуна». 16 ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.
17 Цо соьга элира: «Адаман кӀант, гуш дуй хьуна хӀара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хӀуманаш ЯхӀудан халкъана кӀезиг хета те? Цул сов, цара хӀара мохк гӀелонех бузу, хаддаза Со оьгӀаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тӀе гаьннаш+ 8:17 *Мерана тӀе гаьннаш *– иза Дела оьгӀазвохуьйту Ӏадат дара.* уьйу! 18 Цундела Аса дӀагойтур ю царна Сайн оьгӀазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугӀур дац цаьрга».
9Ярушалаймана таӀзар дар
1 Цул тӀаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гӀалина таӀзар дан кечделларш, шайн карахь хӀаллакдаран герз долуш а хила». 2 Къилбаседехьа дӀадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агӀонера схьавогӀуш ялх стаг гира суна. Церан хӀораннан а карахь хӀаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тӀеюьйхина дуткъачу кӀадих йина йолу бедарш а йолуш, гӀодаюкъарчу доьхкарх дӀабихкина яздархочун гӀирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагӀа доккхучу цӀестан кхерчана улло дӀахӀиттира уьш.
3 Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тӀера хьала а даьлла, Делан цӀийнан неӀсагӀина улло деара. ТӀаккха Везачу Эло дуткъачу кӀадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гӀирс гӀодаюкъах дӀабихкина волу стаг Шена тӀекхайкхира. 4- 9:4 Довзийтинарг 7:3; 9:4; 14:1. Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».
5 Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тӀаьхьа а хӀиттий, гӀалахула дӀагӀо, массо а хӀаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш: 6 я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоӀ а, я нана а, я бер а. Хьаж тӀехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дӀа ма хьакхало. Иза хӀокху Сан цӀенна тӀера дӀадоладе». ТӀаккха цара и хӀума Делан цӀенна хьалха Ӏаш болчу къаношна тӀера дӀадолийра.
7 Цаьрга Дала элира: «Сийсаздаккха Делан цӀа, цуьнан керт декъех хьалаюза. ХӀинца дӀагӀо!» Уьш, ара а бевлла, гӀалахь адамаш хӀаллакдан буьйлабелира.
8 Уьш нах хӀаллакбан дӀабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьӀна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тӀе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тӀаьхьабиснарш хӀаллакбан воллу те Хьо?»
9 Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хӀаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гӀалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“. 10 Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса».
11 Цул тӀаьхьа дуткъачу кӀадинан бедарш а юьйхина, гӀодаюкъах дӀабихкина яздархочун гӀирс болчу стага, юха а веана, элира: «Ахьа соьга мел аьлларг ас кхочушдина».
10Везачу Элан сийлалла Делан цӀа чуьра дӀаяхар
1- 10:1 Яхьазкхиал 1:26; Довзийтинарг 4:2. ТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза. 2- 10:2 Довзийтинарг 8:5. Дуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса».
Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара. 3 Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира. 4 Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. 5 Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.
6 Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира. 7 ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира.
8 Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара. 9- 10:9-13 Яхьазкхиал 1:15-21. ДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра. 10 ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. 11 И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш. 12- 10:12 Довзийтинарг 4:8. Церан дерриг а дегӀ – букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а – бӀаьргех дуьззина дара. 13 Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.
14- 10:14 Яхьазкхиал 1:10; Довзийтинарг 4:7. Цу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг – адаман, кхозлагӀниг – лоьман, ткъа йоьалгӀаниг – аьрзунан юьхь яра. 15 Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара. 16 Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура. 17 Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.
18 ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира. 19 Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра. 20 Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар.
21 Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара. 22 Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора.
11Ярушалаймана кхел яр
1 Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.
2 ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до. 3 ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна+ 11:3 *Я иштта: *Вай кестта юха а вайна цӀенош дийр ду.*. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“. 4 Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».
5 Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду! 6 Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.
7 Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гӀала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду. 8 Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. – Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – 9 Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю. 10 Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 11 ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду. 12 ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».
13 Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»
Йийсарехь болчарна Дала ваӀда дар
14 ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 15 «Адаман кӀант! Хьан вежарех – хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна – Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
16 Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.
17 Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“. 18 Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу. 19- 11:19, 20 Яхьазкхиал 36:26-28. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. 20 Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. 21 Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Делан сийлалла Ярушалайма чуьра араялар
22- 11:22, 23 Яхьазкхиал 43:2-5. ТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула. 23 Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира. 24 Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира. 25 Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.
12Пайхамар йийсарехь верг санна хилар
1 Везачу Элан дош кхечира соьга: 2- 12:2 ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10; Ярми-ЯхӀу 5:21; Марк 8:18. «Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.
3 Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду. 4 Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала. 5 Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала. 6 Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».
7 Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.
8 Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира: 9 «Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те? 10 ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча – Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду+ 12:10 *Я иштта: *хӀара хаам бу Ярушалайман баьччанна а, цигахь долчу дерриг Исраилан къомана а.*“. 11 ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“. 12 Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта. 13- 12:13 ТӀаьххьарнаш 25:7; Ярми-ЯхӀу 52:11. Ас цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. 14 Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.
15 Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 16 Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».
Вегош волчу пайхамаран билгало
17 Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира: 18 «Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца. 19 Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела. 20 ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
Керла кица
21 Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира: 22 «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“? 23 Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.
24 Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац. 25 Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
26 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 27 «Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац. 28 Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».
13Харцпайхамаршна-божаршна дуьхьал Делера болу хаам
1 Соьга Везачу Элера дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хӀинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогӀа Везачу Элера болчу хааме!“
3 Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тӀаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хӀума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. 4 Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангӀалкхаш санна бу. 5 Шу дӀа ца хӀиттина гӀалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тӀом бечу хенахь гӀалин пен латтийтархьама. 6 Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тӀе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! 7 Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хӀумма а аьлла доццушехь?“
8 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла. 9 Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таӀзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цӀераш Исраилан халкъана юкъахь дӀаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.
10- 13:10 Ярми-ЯхӀу 6:14; 8:11. Иза иштта билггал хир ду, хӀунда аьлча цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тӀе кир тоьхча санна хуьлу. 11 Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу. 12 И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХӀун хилла аша цу пенна тӀе тоьхначу кирах?’“
13 Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама. 14 Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тӀекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кӀелахь шу хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
15 Ас Сайн оьгӀазалла цу пенна а, цунна тӀе кир тоьхначарна а тӀеерзор ю. ТӀаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тӀе кир тоьхнарш а бац – 16 машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Харцпайхамаршна-зударшна дуьхьал Делера болу хаам
17 Везачу Эло боху: «Адаман кӀант, Соьгара хаамаш беш боцучу, ткъа шайна дага доггӀург дуьйцуш болчу Исраилан халкъан зударшна дуьхьал вистхила. Царна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 18 Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кӀелхьардахалур ду моьтту те шуна? 19 Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“.
20 Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса шуьга боху: „Аша, олхазарш санна, нах лоьцу холмачаллин бехчалгаш чӀогӀа ца еза Суна. Шун куьйгашкара уьш дӀайохур ю Аса, ткъа адамаш паргӀатдевр ду, речӀанна чуьра арадовлу олхазарш санна. 21 Аса этӀор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
22 Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гӀайгӀанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тӀера дӀа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кӀелхьардаха тарлуш хилахь а. 23 Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кӀелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
14ЦӀушна Ӏамал ечарна тӀехь кхел яр
1 Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира. 2 ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 3 «Адаман кӀант! ХӀара нах шайн дегнаш чохь цӀушна тӀебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас?
4 Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДӀаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагӀахь, ткъа иза шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цӀушка хьаьжжина хир ду! 5 Аса иза дийр ду, шайн цӀуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“.
6 Цундела дӀаала Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Юхадерза Со волчу, бита шайн цӀуш, букъ берзабе шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашна.
7 Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду. 8 Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дӀавоккхур ву иза, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
9 Нагахь санна Сан цӀарах харц хаам бан цхьа пайхамар Ӏехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Ӏехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. 10 Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а – цхьатерра таӀзар дийр ду. 11 Иза Ас дийр ду, тӀейогӀучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дӀа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».
Нохьа а, Даниал а, Аюб а
12 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 13 «Адаман кӀант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тӀе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тӀе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хӀаллакдийр дара. 14 Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кӀелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кӀелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло.
15 «Соьга цу лаьтта тӀе акхарой яхийталур яра, тӀаккха цара цигара бераш хӀаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогӀур вацара цу махка, хӀунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара. 16 Нохьий, Даниаллий, Аюббий цигахь Ӏаш хилча а, – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, Хьалдолчу Эло, – ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а цаьрга кӀелхьарбахалур бацара. Цу кхааннан шайн дахар кӀелхьардаккха ницкъ кхочур бара, ткъа и латта дассаделла дӀахӀуттур дара.
17 Нагахь санна Ас, цу лаьтта тӀе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тӀехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хӀаллак а дойтуш, 18 ткъа нагахь санна и кхоъ цигахь хилча, тӀаккха а – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цаьрга шайн кӀентий а, йоӀарий а кӀелхьарбахалур бацара. Шайн дахар бен оцу кхаанга кӀелхьардаккхалур дацара». Иштта боху Везачу Эло.
19 «Я Аса цу лаьтта тӀе Ӏожаллин ун хьажор дара, царна тӀе ерриг а Сайн оьгӀазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хӀаллак а деш. 20 Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кӀелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кӀелхьардоккхур дацара».
21- 14:21 Довзийтинарг 6:8. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таӀзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Ӏожаллин ун а – цунна тӀе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хӀаллакдархьама! 22 Цхьаболу зударий а, божарий а дийна а буьсур бу, цу гӀали чуьра уьш арабохур а бу. Уьш шу долчу арабевлча, шуна гур ду церан ирча лелар а, вон гӀуллакхаш а. ТӀаккха шуна синхьаам хир бу Аса Ярушалаймана мел бинчу бохамех. 23 Церан дахаран некъ а, цара дина долу вонаш а шуна гар бахьана долуш, шуьга атта садоьӀуьйту. Цу тайпана, шуна хуур ду, Ас цу нахана дина таӀзар эрна цахилар». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
15Кемсийн таьллангах долу хьекъале дийцар
1 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг? 3 Хьоьга цхьа а пайден хӀума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тӀе хӀума хьалаолла? 4 Адамаша и таьллангаш цӀера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тӀера дика яьгча, га юккъера Ӏаржделча, цхьана хӀуманна пайденна юй те иза? 5 Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хӀуманна пайденна, ткъа хӀинца-м, иза цӀеро, дага а дина, Ӏарждиначул тӀаьхьа, муххале а дац пайденна».
6 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цӀерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца. 7 Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цӀерах кӀелхьарбевллехь а, хӀинца цӀаро уьш дӀакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 8 Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хӀара мохк» – боху Хьалдолчу Эло.
16Майрачунна тешаме йоцу зуда санна йолу Ярушалайм
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Ярушалаймехь болчу нахе цара лелийна мел долчу вочу хӀуманех лаьцна дӀаала. 3 Ахьа цаьрга иштта ала деза: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло Ярушалайме:
‘КанаӀан-махкахь дара хьан схьаялар а, хьан дуьнен тӀе ялар а. Хьан да – эмархо вара, ткъа нана – хьетахо яра+ 16:3 *Эмархо... хьетахо *– исраилхошна и къаьмнаш дегаза а, цӀушна Ӏамал еш а хета.*. 4 Ярушалайм, хьо дуьнен чу йолучу хенахь хьан цӀонг дӀахадо стаг вацара, хьо цӀанъялийта хьуна тӀе хи кхарза а стаг вацара, хьуна тӀе туьха хьакха а, иштта хьуна тӀе хӀума хьарчо а стаг вацара. 5 Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дӀакхоьссина яра, хӀунда аьлча оцу хенахь хьо дӀатеттинера.
6 ТӀаккха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цӀийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Ӏуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХӀаъ, хьо цӀийш юкъахь Ӏуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!› 7 Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.
8 Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.
9 „Ас хьуна тӀе хи а кхерзина, цӀий дӀадаьккхира, тӀаккха хьуна тӀе даьтта хьаькхира. 10 Ас хьуна тӀе хаза тӀамарш йолу коч юьйхира, тӀаьрсиган кӀархаш а буьйхира, дуткъачу кӀадин йовлакх коьрта тӀе а тиллира, чилланан тӀекхуллург а елира. 11 Аса хьуна хаза жовхӀарш а делира, пхьаьрсех хӀазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира. 12 Ас мерах йолла чӀуг а елира хьуна, лергех тийса чӀагарш а, иштта коьрта тӀе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна. 13 Хьо чӀогӀа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хӀуманашца, дуткъачу кӀадих а, чилланан кӀадих а, тир яьккхинчу кӀадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чӀогӀа хазъелла дӀахӀоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла. 14 Хьан цӀеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чӀогӀа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15 „Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цӀеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тӀех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гӀиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. 16 Хьайн бедарех цхьайолу хӀуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагӀа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду! 17 Ас хьайна елла йолчу деших а, детих а йинчу хӀуманех ахьа хьайна боьрша цӀуш бира, нахаца лелаш йолу зуда санна цаьрца а лелаш. 18 Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цӀушна тӀеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а царна лерина долчу сагӀина охьадуттура ахьа. 19 Ас хьайна делла долу тоьлла дама а, зайтдаьтта а, моз а ахьа хьайн цӀушна дӀаделира. Иштта хила а хилира“, – боху Хьалдолчу Эло.
20 „Айхьа Суна бина болу кӀентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагӀа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, 21 Сан кӀентий, цӀерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цӀушна сагӀина дӀалора ахь. 22 Айхьа дегаза мел долу гӀуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогӀура хьо жима а, къона а хилла зама – оцу хенахь хьо ерзина а яра, тӀехь хӀума а йоцуш, хьайн цӀийлахь хьийзаш а яра“».
Кхахьпа санна йолу Ярушалайм
23 «Маржа-яӀ! Декъаза ю-кх хьо, ва Ярушалайм! – боху Хьалдолчу Эло – Айхьа мел лелийначул сов, 24 хӀора майданна тӀехь ахьа хьайна кхахьпаллин цӀа а до, цӀушна Ӏамал ян меттиг а кечйо. 25 ХӀора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хӀора тӀех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гӀерташ, хӀаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш. 26 Цул тӀаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгӀазалла сов а йоккхуш.
27 ТӀаккха Ас хьуна таӀзар дира, хьуна дӀаделла дакъа жим а деш. Ас пурба делира хьан мостагӀий болчу пӀелаштамхойн зудаберашна хьуна шайна луъург дан, ткъа уьш а бара хьан боьха леларх цецбевлла.
28 Кхечаьрца леларх ца Ӏабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тӀаьхьа а, хьо царах а ца Ӏебира. 29 ТӀаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тӀейирзира, амма цунах а хьо ца Ӏебира.
30 Ма оьгӀазаллех вуьзна ву Со ахь мел лелийначунна, – боху Хьалдолчу Эло. – Хьо маьттаза кхахьпа санна лелаш ма ю! 31 Ахьа хӀора некъ болалучу меттехь кхахьпаллин цӀа а, хӀора майданахь цӀушна Ӏамал ян меттиг а хьайна кечъечу хенахь, хьо кхахьпа санна яцара, хӀунда аьлча ахьа совгӀаташ дӀа ца оьцура. 32 Амма хьо, шен майрачун метта, кхиболу божарий тӀе а оьцуш, ямартло еш йолу зуда санна яра. 33 Массо а кхахьпанаша божаршкара совгӀаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгӀаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьӀӀера хьайца лела схьаэхийта. 34 Иштта хьо нахаца лелча, хьо кхечу зударех тера ца хуьлу, хӀунда аьлча божарий хьуна тӀаьхьа ца бовду, хьоьца лела. Хьуна цхьаммо а совгӀаташ а ца деш, ахьа кхечарна совгӀаташ дича, хьо билггал юханехьа лела!»
Ярушалаймана Дала таӀзар дар
35 ЛадогӀа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга!
36 Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ахь хьайн боьха лаам дӀагайтира, хьайн безаршна а, дегазчу цӀушна а хьалха ерзина а юьйлуш, хьо цаьрца лелара, иштта хьайн кӀентийн цӀий цӀушна Ӏенадора ахьа. 37 И хӀуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьӀӀера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дӀагур ю. 38 Цул тӀаьхьа Ас кхел йийр ю хьуна, ткъа хьан таӀзар нахаца леллачунна а, цӀий Ӏанийначунна а доггӀург хир ду. Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Аса хьан цӀий Ӏанор ду. 39 Ас дӀалур ю хьо хьайн безарийн кара, тӀаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цӀенош, дӀасакхуьйсур ю хьан цӀушна Ӏамал ян меттигаш а. Цара хьуна тӀера бедарш дӀайохур ю, хьан жовхӀарш дӀадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю.
40 Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тӀе тӀулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а. 41 Хьан цӀенош цара цӀарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгӀаташ деш. 42 Со, Сайн дераллех Ӏаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгӀаз а гӀур вац Со. 43 Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогӀуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгӀазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догӀу таӀзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гӀуллакхашна тӀе кхахьпалла хӀунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Нана ма-хиллара, йоӀ а хуьлу
44 «Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хӀара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоӀ а ю“. 45 ЙоӀ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да – эмархо ву.
46 Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гӀала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гӀала ю. 47 Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Ӏаш, кӀеззиг хан ялале, царал а телхина лелара.
48 Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – хьан йиша йолчу Седам-гӀалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг. 49 ХӀара бу хьан йишин Седам-гӀалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хӀума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гӀо ца дора. 50 Уьш, кураллаш еш, дегаза хӀуманаш деш лелара Суна хьалха, цундела Ас, Сайна и дерриг а ма-гиннехь, уллора дӀабехира уьш.
51 Шамран-гӀалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хӀуманаш деш царал а тӀехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цӀена хета. 52 Хьо нахала яккхар кхидӀа а ла, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела. Цара летийначу къинойл ахьа мел летийнарг сов дегаза хиларна, уьш хьол цӀена хийтира. ХӀинца эхь хетарна, цӀий а луш, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина лела хьайна, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела».
Седам а, Шамран а юхаметтахӀоттор
53 «Ас юхаметтахӀоттор ю Седам-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а, иштта юхаметтахӀоттор ю Шамран-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а. Ас юхаметтахӀоттор ю хьо а, Ярушалайм, 54 айхьа лелийна долу массо а вон хӀуманаш бахьана долуш хьайн нахала яккхар кхидӀа лайтархьама а, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийтархьама а. Иштта хьайн йижаршна синтем бийр бу ахьа. 55 Хьан йижарех лаьцна аьлча – Седам а, цуьнан зудабераш а, Шамран а, цуьнан зудабераш а – уьш шайн хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀиттийна хир бу. Иштта хьо а, хьайн зудаберашца хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀоттийна хир ю. 56 Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дӀахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хӀинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн+ 16:57 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *арамхойн. *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *эдомхойн.* а, пӀелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а. 58 Хьо вон лелар а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш жоп дала дезаш ма ю хьо!» – боху Хьалдолчу Эло.
Даима болу барт
59 Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггӀучу тайпана хир ву хьоьца, хӀунда аьлча Аса йинчу чӀагӀонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра. 60 Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу. 61 ТӀаккха хьуна айхьа дӀакхехьна некъаш дагадогӀур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоӀарий санна дӀалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогӀуш дацара, амма Ас иза дийр ду. 62 Ас и керла барт хьоьца бийр бу, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. 63 Ахьа мел лелийначух Аса хьо цӀанъечу хенахь хьуна и вон хӀуманаш дагадогӀур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттарна бага хьалагӀатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
17Аьрзунех а, кемсийн таьллангах а лаьцна хьекъале дустар
1 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца. 3 Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хӀара: ‘Нуьцкъала тӀемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира. 4 Цу бохь тӀера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гӀалахь охьадиллира цо. 5 Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь. 6 И хӀу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дӀасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гӀаш а дӀадохура.
7 Месала тӀемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дӀадийначу лаьттана тӀера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тӀеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла. 8 Дикачу лаьтта тӀе, шорта хи долчохь, дӀайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дӀаса а дахийтина, тӀехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“.
9 Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тӀера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тӀаьххьара а дакъа а луш? Цунна тӀера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТӀаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гӀо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха. 10 Ша дӀайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дӀайийначохь иза якъалур ма ю!’“»
Хьекъалечу дустаран маьӀна дар
11 Везачу Элан дош кхечира соьга: 12- 17:12-15 ТӀаьххьарнаш 24:15-20; 2 Шерашкахь 36:10-13. «Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хӀуманаш хӀун маьӀна долуш ду хаьий шуна?“ – алий. ТӀаккха дӀаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дӀабигира паччахь а, цуьнан элий а. 13 Цул тӀаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цӀийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дӀавигира цо, 14 и пачхьалкх, кхин хьалагӀатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара. 15 Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»
16 Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву – шех паччахь винчу а, цуьнан чӀагӀонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь. 17 Мисар-махкарчу паччахье яхӀудхойн паччахьна тӀамехь гӀо далур дац, гӀалина гонах лаьттан гунаш дича а, тӀеман гӀирс дӀахӀоттийча а, дуккха а адам хӀаллакдархьама. 18 Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
19 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, яхӀудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чӀагӀонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таӀзар дийр ду цунна. 20 Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таӀзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. 21 Ас хӀаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тӀемалой Аса массанхьа а дӀасакхуьссур бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
Сатийсаран ваӀда
22 Хьалдолчу Эло элира:
«Баганан диттан бохь тӀера Аса-Айса зӀийдаг схьайоккхур ю.
Баганан диттан уггар лакхарчу гаьннех цхьаъ схьа а даьккхина,
иза боккхачу, лекхачу ломан боххье дӀадугӀур ду Аса.
23 Исраил-мехкан лекхачу лам тӀехь дӀадугӀур ду Ас иза.
Цу гаьннах доккха дитт хир ду,
цунна тӀехь стоьмаш а кхуьур бу.
Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду,
цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду,
уьш цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр ду.
24 Массо а аренгарчу дитташна дӀахуур ду
Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла,
ткъа лоха дитташ лакха дохийла.
Сийна дитт Ас дакъадо,
ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дӀахӀоттадо.
Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса».
18ХӀора стага ша лелийначунна жоп дала дезар
1 Соьга Везачу Элера дош кхечира: 2- 18:2 Ярми-ЯхӀу 31:29. «Аша Исраил-махкахь стенна даладо хӀара кица:
„Дайша муьста кемсаш йоу,
ткъа берийн цергаш леха“?»
3 Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла. 4 Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.
5 Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг. 6 Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло. 7 Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло. 8 Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо. 9- 18:9 Ӏамалъяр 18:5. Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло.
10 «Ткъа, масала, цуьнан кӀант талорхо хила тарло, нехан цӀий а Ӏенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гӀуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, 12 я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь, 13 тӀера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хӀуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь а хир ду.
14 Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кӀант хилахь, цу кӀантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хӀуманаш ца леладо: 15 лаьмнашкахь цӀушна даьккхинчу сагӀанах хӀума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь, 16 адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь, 17 къечун дог а ца дохош, тӀера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тӀедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву. 18 Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву.
19 Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кӀант жоьпе хӀунда ца озаво?“ КӀант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву. 20- 18:20 Карлабаьккхинарг 24:16. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра.
21 Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац. 22 Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хӀуманаш бахьана долуш, вехар ву. 23 Вочу стеган Ӏожалла тӀеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тӀера дӀа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара.
24 Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.
25 Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогӀал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса! 26 Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хӀума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза! 27 Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кӀелхьардоккхур ду. 28 Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тӀера иза дӀаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац. 29 Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац!
30 Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. 31 ДӀадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хӀунда деза, Исраилан халкъ? 32 Со муьлххачу а стагана Ӏожалла тӀеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тӀера дӀа а дерзий, дехаш хилийша!»
19Исраилхойн элех лаьцна болу тийжам
1 Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:
2 „Хьан нана стенах тера ю?
Иза стен лом санна ма ю!
Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза,
циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.
3 Царах цхьаъ йоккха хилла,
цунах нуьцкъала лом хилла.
Иза шена ижу лаха Ӏемина,
ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.
4 Халкъашна цунах лаьцна хезира,
тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина,
цунах чӀагарш чекх а яьхна,
Мисар-махка дӀайигира.
5 Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна,
шен сатийсар кхочуш ца хилча,
иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна,
и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.
6 Нуьцкъала лом а хилла,
иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира.
Иза ижу лаха а Ӏемира,
цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.
7 Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара,
ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора.
Цу махкахь долу дерриг а халкъ
цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.
8 ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира
гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш.
Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна,
иза ор чу дожийра.
9 Цунах чӀагарш чекх а яьхна,
иза гур чу хаийра.
Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна,
иза набахти чу доьллира,
Исраил-мехкан лаьмнашкахь
кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
10 Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна
кемсийн таьлланг санна яра.
Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира,
шена уллохь шортта хи хиларна.
11 Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара,
царах паччахьашна Ӏасанаш йора.
Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь.
Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.
12 Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина,
и таьлланг лаьтта охьакхоьссира.
Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо
цуьнан стом бакъийра.
Цуьнан онда га дакъаделира,
ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.
13 Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна,
хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.
14 Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро
багийна цуьнан стоьмаш.
Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га
кхин ца дисина“.
ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».
20Везачу Элан лаам а, адамийн аьрхалла а
1 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира. 2 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 3 «Адаман кӀант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
4 Царна тӀехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кӀант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хӀуманех лаций. 5- 20:5, 6 Арадаккхар 6:2-8. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. 6 Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе. 7 Ас царна тӀедиллинера, шайна хьалхара боьха цӀуш дӀабаха, шаьш мисархойн цӀуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву! 8 Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а. 9 Амма и хӀума Ас Сайн цӀеран дуьхьа дира, Сайн цӀе уьш юкъахь Ӏийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дӀадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цӀе ца йожийта.
10 Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра. 11- 20:11, 13 Ӏамалъяр 18:5. Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. 12- 20:12 Арадаккхар 31:13-17. Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла. 13 Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш. 14 Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар. 15- 20:15 Лелар 14:26-35. Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла, 16 хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш дӀа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хӀунда аьлча церан дегнаш шайн цӀушна тӀегӀерташ дара.
17 Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хӀаллак а ца бира. 18 Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий. 19 Со – шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушде. 20 Ас шайна делла долу шоьтан денош дӀакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
21 Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а. 22 Амма Сайн цӀеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар. 23- 20:23 Ӏамалъяр 26:33. Аса кхин цхьа чӀагӀо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржо а, кхечу мехкашкахула дӀасакхисса а. 24 Иза Аса дира, хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дӀа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бӀаьргашца шайн дайн цӀушна тӀегӀерташ а бара уьш.
25 Ас царна вон парзаш а, дахарна тӀе ца доьду тӀедилларш а делира. 26 Ас магадора, шайн сагӀанашца цара шаьш бехдар – цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Аса и хӀуманаш дар магадора, уьш Ӏадорхьама. ТӀаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.
27 Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кӀант. ДӀаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна. 28 Аса царна ваӀданца лур ду аьллачу лаьтта тӀе уьш схьабалийначул тӀаьхьа, уьш шайн сагӀанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тӀехь луьста гӀа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарца а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягорца а, чагӀаран сагӀанаш дахарца а цара Со оьгӀазвахийтира. 29 Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тӀе оьхург хӀун гу бу?› – бохуш. (Цундела хӀинца а сагӀа доккху ‹гу› олу цунах.)’“. 30 ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш? 31 Шайн сагӀанаш цӀушна а дохуш, шайн бераш цӀерах чекх а дохуьйтуш, хӀинцалерчу денна тӀекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»
Дала таӀзар дар а, гечдар а
32 «Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тӀулгана а Ӏамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац! 33 Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а шуна тӀехь паччахьалла дийр ма ду Аса. 34 Нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дӀасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду. 35 Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хӀиттийна, шуна кхел йийр ю Аса. 36 Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
37 «Сайн коьжалгана кӀелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду. 38 Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.
39 Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хӀора, шайн цӀуйн гӀуллакх а деш лела! Амма цул тӀаьхьа, аша Соьга ла ца догӀахь, Сан еза цӀе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагӀанашца а, шайн цӀушца а! 40 Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь+ 20:40 *Исраилан лам *– иза Цийон-лам бу, Делан цӀа шена тӀехь лаьтташ болу.*, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а. 41 Шаьш дӀасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогӀу хӀума санна, тӀеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дӀагойтур ду Аса Со веза хилар. 42 Ас шун дайшна ваӀданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 43 Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш. 44 Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гӀуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цӀеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
Къилбехьа яьлла цӀе
45 Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 46 «Адаман кӀант! Къилбехьа дӀаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе. 47 Къилбанан хьуьне дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цӀе лато воллу Со, ткъа оцу цӀеро хьан дерриг а дитташ – къона я декъа уьш делахь а – дӀакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хӀорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву. 48 ТӀаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цӀе латийнийла а, иза дӀаяйа йиш йоцийла а’“».
49 ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»
21Везачу Элан тур
1 Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 3 Исраил-махке дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Со шуна дуьхьал ву, Ас Сайн тур баттара доккхур ду, Ас хьоьгара хӀорра а схьавоккхур ву – вон мел верг а, дика мел верг а. 4 Иштта, хьан диканиг а, вониг а хӀаллаквийр ву Аса, Сайн тур баттара доккхур ду массо а стагана дуьхьал – къилбера дуьйна къилбаседе кхаччалц. 5 ТӀаккха массарна а дӀахуур ду, Со Веза Эла вуйла а, иштта Сан баттара даьккхина долу тур юха цу чу дуьжур доцийла а’“.
6 Ткъа ахьа, адаман кӀант, гӀайгӀане узарш де, дог дохарца узарш де массарна а хьалха. 7 Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
8 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 9 «Адаман кӀант! Соьгара нахана хаам бе. ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Туьре хьажал!
И тур ирдина а ду,
заьнгала дина а ду.
10 Иза адамаш дайа ирдина,
стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина.
Даккхийдеш лела дезий вай?
Сан кӀентан олаллин гӀожан хӀора диттах дог долу.
11 Ас тур заьнгала дайтира,
иза караэцархьама.
И тур ира а ду, заьнгала дина а ду,
иза хӀаллаквечун кара дӀадалархьама.
12 Велха, узарш а деш, адаман кӀант,
хӀунда аьлча и тур Сан къомана а,
берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду.
Уьш Сан къомаца цхьаьна
хӀаллакбина хир бу.
Цундела велха, хьайн некха тӀе куьйгаш а детташ.
13 Иза зер хир ма ду!
Делахь а хьан цу гӀожах дог далахь,
хьан бала хир бац те?’ Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
14 Ткъа ахьа, адаман кӀант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хӀаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду, 15 адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хӀорра а кевнехь Аса хӀаллакдайтаран тур хӀоттийна. ЭхӀ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хӀаллакдайтарна даьккхина! 16 Аьтту агӀор ирло, ва тур! Аьрру агӀор дӀагӀо! Хьайн иралла дӀа мел ерзийначу агӀор дӀагӀо. 17 ТӀаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгӀазвахар Ӏабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло».
Бавелан паччахьан тур
18 Везачу Элан дош кхечира соьга: 19 «Адаман кӀант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогӀуш хила безаш бу. Некъан билгало дӀахӀоттае некъ бекъалучу гӀалахь. 20 Тур схьадогӀуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Ӏамминхойн Рабба-гӀала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу Ярушалайме боьдуш бу. 21 Бавелан паччахь некъ бекъалучу меттехь соцур ву, ша муьлхачу новкъа ваха веза хьожуш пал тасархьама. Цо секхаӀодан пхерчий лестор ду, шен цӀерачу цӀушка хоьттур ду, экханан доӀахе хьоьжур ву. 22 Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гӀо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бӀогӀамаш дӀахӀитто а, адам хӀаллакде, аьлла омра дан а, тӀеман орца даккха а, гӀалин кевнаш дохо гӀирс дӀахӀотто а, гӀалин гонах лаьттан гунаш дан а, гӀала схьаяккхархьама кхиболу тӀеман гӀирс дӀахӀотто а безаш ву. 23 И тесна пал Ярушалайман бахархошна харц хетар бу, хӀунда аьлча цара бавелхошца барт бина! Делахь а Бавелан паччахьо царна дагадоуьйтур ду уьш бехке хилар, ткъа цо уьш схьалоцур бу». 24 Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Шайн аьрхалла дӀа а йовзуьйтуш, шаьш мел дечу гӀуллакхашкахула шайн къинош дӀа а гойтуш, шаьш бехке хилар гайтира аша. Ткъа аша шаьш шайн бехке хилар дагадаийтарна, шу ницкъаца схьалоьцур ду.
25 Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таӀзар дийр ду». 26 Хьалдолчу Эло боху: «ДӀаяккха хьайн коьртара чалба а, дӀадаккха таж а. Хийцамаш бен хан тӀекхаьчна. Лакхарнаш лахабаьхна хир бу, ткъа лахарнаш лакхабохур бу. 27 ХӀуй-пака! ТӀепаза! Аса хӀокху гӀаланах дамардарц дийр ду. Амма иза хир дац, цунна кхел яр шен кара дӀаделларг схьаваллалц. ТӀаккха Аса иза Цунна дӀалур ю».
Тур а, Ӏамминхой а
28- 21:28-32 Ярми-ЯхӀу 49:1-6; Яхьазкхиал 25:1-7; Ӏамос 1:3-15; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. «Адаман кӀант, Соьгара хаам бе нахе. ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Ӏамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу:
‘Туьре хьажал!
И тур баттара даьккхина ду,
заьнгала дина а ду адамаш хӀаллакдархьама а,
стелахаьштиг санна, къагийтархьама а.
29 Хьуна дуьхьалхӀиттина суьрташ эрна ду, ткъа пал тийсар а харцдерг ду. Тур зуламечу нехан логгехь ду, церан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, оцу дийнахь царна кхоччуш таӀзар дийр ду.
30 Батта юхадилла тур. Ас кхел йийр ю хьуна, хьо кхоьллинчу меттехь, хьо дуьнен чу ваьллачу лаьтта тӀехь. 31 Ас Сайн оьгӀазалла хьуна тӀе яссор ю, ткъа Сайн дераллин цӀерца хьуна тӀе садоьӀур ду. Ас къизачу нахе дӀалур ву хьо, адамаш хьийзо корматалла карайирзина болчу. 32 Хьо цӀарна дечиг хилла дӀахӀуттур ву, хьан цӀий хьан лаьтта тӀехь Ӏанор ду, хьо цхьанна а дагавогӀур вац. Веза Эла волчу Ас боху иза’“».
22Ярушалайман зуламаш
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цӀий Ӏанийначу Ярушалайм-гӀалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дӀагайта. 3 ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гӀала, хьайна чохь цӀий Ӏенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цӀуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо. 4 Айхьа Ӏанийна долу цӀий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цӀуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду. 5 Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цӀеяхана, карзахаллех юьзнарг. 6 Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хӀораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цӀий Ӏанадора. 7- 22:7 а: Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16; б: Арадаккхар 22:21, 22; Карлабаьккхинарг 24:17. Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо. 8- 22:8 Ӏамалъяр 19:30; 26:2. Ахьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору. 9 Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цӀушна сагӀина еана яа хӀума а йоу, дегаза гӀуллакхаш а леладо. 10- 22:10, 11 Ӏамалъяр 18:7-20. Цхьаберш шайн дайн зударшца дӀабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара. 11 Цхьаверг шен доттагӀчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоӀ йолу шен йиша хьийзайо. 12- 22:12 Арадаккхар 23:8; Карлабаьккхинарг 16:19; Арадаккхар 22:25; Ӏамалъяр 25:36, 37; Карлабаьккхинарг 23:19. Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, – боху Хьалдолчу Эло.
13 ‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна. 14 Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса. 15 Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса. 16 Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».
Нах цӀанбеш болу Делан кхерч
17 ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира: 18 «Адаман кӀант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дӀахӀоьттира. Кхерчахь тӀехула хӀутту гӀели а, цӀаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цӀандинчул тӀаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ! 19 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду. 20 Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду. 21 Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду. 22 ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».
Исраилхойн баьччанийн къинош
23 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 24 «Адаман кӀант! ДӀаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цӀанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тӀе догӀа а ца деана!“ 25 Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу. 26- 22:26 Ӏамалъяр 10:10. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво. 27 Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. 28 Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а. 29 Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо. 30 Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра. 31 Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
23Къинош летош болу йижарий
1 Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Адаман кӀант! Цкъа ши зуда хилла – цхьана ненан ши йоӀ. 3 Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина. 4 Йоккхаха йолчун цӀе УхӀулат+ 23:4а *УхӀулат *– Ӏебархойн маттахь «цуьнан деза четар» бохург ду.* яра, жимаха йолчун – УхӀулибат+ 23:4б *УхӀулибат *– Ӏебархойн маттахь «цунна чохь долу сан деза четар» бохург ду.*. И йижарий Сан бара, цара Суна кӀентий а, зудабераш а дора. УхӀулат – иза Шамран-гӀала ю, ткъа УхӀулибат – иза Ярушалайм-гӀала ю. 5 УхӀулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тӀемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. 7 ТӀаккха иза берриг а оцу къоначу кӀенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цӀуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо. 8 Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тӀе а дассадора. 9 ТӀаккха Аса иза шен безаргийн кара дӀаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дӀа а елира. 10 Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кӀентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таӀзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.
11 Цуьнан жимаха йолу йиша УхӀулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чӀогӀа гена даьллера, иза шен йишел а чӀогӀа нахаца лелаш яра. 12 Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тӀемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара. 13 Суна гира, цо а ша Суна хьалха бехйина хилар. ШолгӀа йиша а хьалхарчун некъа яьллера.
14 УхӀулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тӀехь басаршца дехкина цӀен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира. 15 Хашадхоша гӀодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тӀе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тӀехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тӀеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш. 16 УхӀулибат цаьрца, цкъа дӀахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира. 17 Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхӀулибатан меттахь цуьнца дӀабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дӀайирзира. 18 УхӀулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегӀ божаршна дӀаделира. ТӀаккха Со цунах дӀавирзира, цуьнан йишех ма-верззара. 19 Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош. 20 Виран санна, дегӀ долчу а, бокъий санна хьайна болчу а шен безаргашца леларан лаамех юьзна яра иза. 21 УхӀулибат, хьуна дагаеана хьо къона хилла йолу зама, Мисар-махкахь хьан везарго хьайн накхойх куьйгаш а Ӏуьттуш, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдуш хилла йолу зама».
Жимаха йолчу йишина Дала кхел яр
22 Цундела, УхӀулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кӀордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьӀӀера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тӀаккха цара хьуна го бийр бу. 23 Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуӀагара а, КхуӀагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тӀеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу. 24 Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду. 25 Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгӀаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тӀаьхьадиснарг туьро хӀаллакдийр ду. Цул тӀаьхьа цара хьоьгара кӀентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цӀарца дагор ду. 26 Цара хьан хаза духар а, жовхӀарш а дӀадохур ду. 27 Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогӀур а бац хьуна».
28 Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дӀалуш ю, хьан дог шайх дӀадирзинчеран кара. 29 Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дӀа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьӀаьржачу а хӀоттош. 30 И дерриг а хьуна дийр ду, хӀунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цӀушна Ӏамалъярехула хьо бех а еш. 31 Хьо хьайн йишас дӀакхехьначу некъа тӀе елира. Цундела Ас хьоьга дӀалур бу цуьнан таӀзаран кад».
32 Хьалдолчу Эло иштта боху:
«Хьайн йишин кад ахьа дӀамер бу.
Иза кӀорга а, шуьйра а бу.
Массо а хьох кхордуьйту цо.
И кад буьззина ма бу!
33 Хьо ехна а хир ю, цо гӀайгӀанех юзур а ю хьо.
ХӀаллакьхиларан, Ӏожаллин кад
хьан йиша йолчу Шамран-гӀалин ма бу.
34 И кад ахьа дӀамер бу берриг а,
ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа,
хьайн накхош а схьадохур ду ахьа.
И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела».
35 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».
Йижаршна йина йолу Делан кхел
36 Везачу Эло соьга элира: «Хьо кийча вуй УхӀулатна а, УхӀулибатна а кхел ян? Цара лелийна мел долу дегазчу хӀуманех лаций дӀаала цаьрга. 37 Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тӀехь нехан цӀий ду. Шайн цӀушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кӀентий а цара, цӀерах чекх а бохуьйтуш, цӀушна кхачанна дӀалора. 38 Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хӀуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура. 39 Шайн бераш шайн цӀушна сагӀина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цӀа чохь.
40 Иза дина а ца Ӏаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тӀаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бӀаьргашна басар а хьокхий, хьайна тӀе жовхӀарш а духий, дӀахӀуттура. 41 ТӀаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тӀехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, Сан даьтта а долуш. 42 Хьан цӀенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гӀовгӀа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хӀазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора. 43 ТӀаккха Аса элира: „Нахаца а лелаш, ямартло еш йолу и зуда гӀелъеллехь а, цуьнца божарша кхахьпалла леладо“. 44 Божарий юх-юха а иза йолчу оьхура, кхахьпа долчу санна. Иштта боьха лелаш йолчу УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀеоьхура уьш. 45 Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цӀий Ӏенош а болчу зударшна санна, хӀунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цӀийх дуьзна а ду».
46 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀехь ницкъ байта а, къола дайта а. 47 Цул тӀаьхьа гулбеллачеран тобано царна тӀе тӀулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кӀентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цӀенош а дохор ду. 48 Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хӀара хӀума дӀахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама. 49 Шуна таӀзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цӀушна Ӏамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла».
24Ярушалайм тӀелеттачу ачанца юстар
1 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2- 24:2 ТӀаьххьарнаш 25:1; Ярми-ЯхӀу 52:4. «Адаман кӀант! ДӀаязде хьайна хӀара де а, хӀунда аьлча кху дийнахь Бавелан паччахьан эскаро Ярушалаймана го бина. 3 Даладе аьрхачу Исраилан халкъана хӀара хьекъале дустар, дӀаала цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Яй цӀерана тӀе а хӀоттабай,
цу чу дуьззина хи дотта.
4 Цу яй чу жижиг дилла,
уггар дикачу меттера схьа а даккхий –
пханар тӀера а, гӀогӀа тӀера а жижиг,
иштта дика даьӀахкаш чу а яхкий,
хьалабуза и яй.
5 Жена юкъара уггар дика уьстагӀий схьа а эций,
яйна буха цӀе латае,
хи кхехкаде,
цу чуьра даьӀахкаш дикка кхехккалц’“».
6 Хьалдолчу Эло иштта боху:
«Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин.
Иза мекханан томмагӀаш тӀехь долчу ех тера ю,
шена тӀера телхинарг дӀа ца даьллачу.
Цу чуьра дакъош схьадаха,
царах кхаж а ца тосуьйтуш.
7 Ӏанийна цӀий цунна чохь ма ду.
Иза тархана тӀехь дитина цо,
лаьтта тӀе охьа а ца Ӏанош,
цу тӀе чан ца йиллийта.
8 Ас цӀий тӀулгаш тӀехь дитина,
иза къайла ца даккхийта.
Ас иза дина адам оьгӀаздахийта,
цаьрга хӀаллакбиначеран чӀир эцийта».
9 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху:
«Къа ду цӀий Ӏанадечу гӀалин.
Ас-Айса йоккха цӀе латор ю.
10 Дуккха а дечиг тӀекӀел а диллий,
цунах цӀе латае.
Кхехкаде и жижиг,
яй чохь ерг юкъ а елла,
даьӀахкаш яггалц.
11 Бассабелла яй кӀегаш тӀе хӀоттабе,
цуьнан цӀаста, дох а делла, къагийтархьама.
Иза диларех цӀанбийр а бу,
цунна тӀера ерриг а ачо дӀакхоллур а ю.
12 Иза хала болх бу,
хӀунда аьлча цунна тӀера,
цӀе ягийча а,
йоккха ачо дӀаер яц.
13 Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц. 14 Веза Эла волчу Ас аьллера. Айса аьлларг Аса кхочушдан деза хан тӀекхаьчна. Аса кхин тӀаьхьатоьттур яц и хан, хьох къа а хетар дац Суна, хьох къинхетам а бийр бац Аса. Хьан леларе а, ахь мел диначуьнга а хьаьжжина, Аса кхел йийр ю хьуна». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Пайхамаран зудчун кхалхар
15 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 16 «Адаман кӀант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гӀайгӀане лела ца веза, бӀаьрхиш дийла ца деза хьан бӀаьргех. 17 Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чӀогӀа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дӀа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».
18 Ӏуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира. 19 Халкъо соьга элира: «Алахьа тхоьга, и дерриг а тхуна хӀун маьӀна долуш хӀума ду?»
20 Ткъа аса цаьрга элира: «Соьга Везачу Элан дош кхечира, 21 Исраилан халкъе дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цӀийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чӀагӀо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кӀентий а, зудабераш а туьро хӀаллакбийр бу. 22 Ткъа аша Яхьазкхиала диннарг дийр ду: шайн мажош аша къайлайохур яц, тийжаран кхача а аша буур бац. 23 Шун кортош тӀехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’. 24 Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».
25 «Ткъа хьох лаьцна аьлча, адаман кӀант, Аса церан чӀагӀо а, хазахетар а, сийлалла а, царна хьежа лууш йолу меттиг а, царна баккъал дезаш дерг а, иштта церан кӀентий а, мехкарий а схьабаьхча, 26 цу дийнахь цигара кӀелхьарваьллачех волу цхьаъ вогӀур ву хьуна тӀе вон кхаъ бахьаш. 27 Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кӀелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТӀаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дӀа а хӀуттур ву хьо. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
25Ӏамминхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам
1- 25:1-7 Ярми-ЯхӀу 49:1-6; Яхьазкхиал 21:28-32; Ӏамос 1:13-15; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Адаман кӀант! Ӏамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга. 3 ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь. 4 Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дӀалур ду. Цара шун латта дӀалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. 5 Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’.
6 Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, 7 Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дӀакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дӀа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дӀа а хедар бу шун мохк. Ас хӀаллакдийр ду шун халкъ, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
Муабин къомана дуьхьал болу Делера хаам
8- 25:8-11 ЕшаӀ-ЯхӀу 15:1–16:14; 25:10-12; Ярми-ЯхӀу 48:1-47; Ӏамос 2:1-3; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш. 9 Цундела Ас Муаби-мехкан дозанашкахь йолу гӀаланаш схьайохур ю, царна юкъахь мехкан уггар хаза гӀаланаш – Байт-Яшимут а, БаӀал-МаӀун а, Кхиръятим а – елахь а. 10 Ас и мохк, Ӏамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дӀалур бу, кхечу къаьмнашна Ӏамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама. 11 Ас таӀзар дийр ду Муаби-къомана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Эдоман къомана дуьхьал болу Делера хаам
12- 25:12-14 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; 63:1-6; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 35:1-15; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла. 13 И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хӀаллакдийр ду. Теманна тӀера Дадданна тӀе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хӀаллаквина а хир ву. 14 Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.
ПӀелаштамхойн къомана дуьхьал болу Делера хаам
15- 25:15-17 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:6-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура. 16 И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду пӀелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дӀабохур бу, хӀордан йистехь бисина берш а хӀаллакбийр бу. 17 Ас чӀогӀа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таӀзар а деш. Ас шайна тӀехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
26Цора-гӀалина дуьхьал болу Делера хаам
1- 26:1–28:19 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Юал 3:4-8; Ӏамос 1:9, 10; Закри-ЯхӀу 9:1-4; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14. Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Цора-гӀалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яӀ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гӀала йохийна ю! Йохкар-эцаран неӀ тхуна схьа-ма-йиллина! И гӀала хӀуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“
3 Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гӀала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тӀегӀуртур ду, хӀордан йистана тулгӀенаш тӀе-ма-гӀорттара. 4 ТӀаккха Цора-гӀалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бӀаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш. 5 Цора-гӀала хӀорда юккъехь чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гӀалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. 6 Ткъа гӀайренна дуьхьал хӀордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хӀаллакбийр бу. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“.
7 Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гӀалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гӀудалкхашца а, дошлошца а схьавогӀур ву. 8 Набухди-Нецара хӀордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хӀаллакбийр бу. Цо, гӀала схьаяккхархьама, тӀеман гӀирс а дӀахӀоттор бу, гӀалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду. 9 Цо оганаш херцош долу бӀогӀамаш хьан пенашна дуьхьал деттар ду, хьан бӀаьвнаш зӀокбергашца йохор ю. 10 Цуьнан говраша яьккхинчу чено хьо къайла а йоккхуш, дукха говраш хир ю цуьнан. Хьан пенаш цуьнан говраша а, гӀудалкхаша а яьккхинчу гӀовгӀано дегор ду, иза гӀалин кевнехула, йохийначу гӀалина чу ма-ваххара, чувогӀучу хенахь. 11 Шен говрийн бергашца цо хьан гӀалин урамаш дохор ду, хьан халкъ цо таррашца отур ду, ткъа хьан андий бӀогӀамаш лаьтта тӀе охьадеттар ду. 12 Цара хьан дерриг а хьолана талор дийр ду, хьан йохкаэцаран хӀуманаш шайна схьаоьцур ю. Иштта хьан пенаш а дохор ду, хьан хаза цӀенош а хӀаллакдийр ду цара. Цунах йисина къапалг а, дитташ а, латта а хӀорда чу кхуссур ду. 13- 26:13 Довзийтинарг 18:22. Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. 14 Ас хьо, ерзина тарх а йина, дӀахӀоттор ю. Хьо чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Хьо кхин юхаметтахӀоттийна хир яц, хӀунда аьлча Аса, Везачу Эло, боху иза“. Иштта элира Хьалдолчу Эло».
15 Иштта боху Хьалдолчу Эло Цора-гӀале: «Хьо южуш даьллачу татанах а, чевнаш хиллачара дечу узарех а, хьуна чохь адамаш дайарх а, кхераделла, дегор дац теша хӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш? 16- 26:16-18 Довзийтинарг 18:9, 10. ХӀордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гӀанташ тӀера хьала а гӀевттина, шайна тӀера хаза тӀамарш тӀехь йолу обанаш дӀа а яьхна, сингаттаман духар тӀе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш. 17 Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду:
„Хьо къайла ма яьлла, ва цӀеяхана гӀала!
Хьуна чохь хӀордахой Ӏаш ма бара.
Хьо хи тӀехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра,
хьо а, хьан бахархой а.
Цара кхерамехь латтабора
хӀорда йистехь мел бехаш берш а.
18 Ткъа хӀинца, хьо йоьжначу хенахь,
хӀордана йистехь дехаш долу
дерриг а къаьмнаш кхерарна дегош ду.
ГӀайренаш а ю кхерамах юьзна,
хьо хӀаллакьхилар бахьана долуш“».
19 Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Ӏаш цхьа а стаг а воцуш йолу гӀаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тӀе хин тулгӀенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. 20 Ас хьо эхарте кхочуьйтур ю, ширачу заманашкара адамаш долчу. Ас хьо лаьттан буха охьайохуьйтур ю, даима долчу къапалгашна юкъахь, эхарте кхаьчначаьрца цхьаьна. Хьуна чохь кхин цкъа а адамаш дехар дац, иштта дийна болчеран дуьнен чохь хьан сийлалла гойтур а яц. 21- 26:21 Довзийтинарг 18:21. Ас хьох къемате масала дийр ду, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц. Хьо наха лоьхур ю, амма кхин цкъа а хьо карор яц». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
27Цора-гӀалина бина тийжам
1 Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 2 «Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар. 3 ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Цора-гӀала!
Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху.
4 Хьан дозанаш хӀордан юккъе кхечира,
хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина.
5 Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш,
ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тӀекхуьуш долчу баганан диттах йина ю.
6 Хьан пийсакаш Башанера деанчу ножан диттах дина дара.
Хьан цӀенкъа Хитамарчу зоьзан дечиган аннех йина яра,
пийлан кӀомсарех кечйина йистош а йолуш.
7 Хьан гатанаш Мисар-махкара деанчу тӀамарш йолчу кӀадих дина дара,
уьш байракхаш санна дӀатоьхна а дара.
Элша-гӀайренна тӀера деана стигалан басахь а,
таьӀна-цӀен а долу кӀадеш хьан шаршу хилла дӀахӀиттинера.
8 ЦӀаданера а, Арвадигара а бахархой бара хьан пийсакаш лелорхой.
Ткъа хьан говза нах, ва Цора-гӀала, кемалелорхой бара.
9 Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш
Гебалара говзанчаш а бара хьан.
ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а
хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.
10 Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. 11 Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.
12 Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш. 13 Яван+ 27:13 *Яван *– таханлерчу хенахь иза Грекийн мохк бу.* а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш. 14 Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора. 15 Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш. 16 Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш. 17 ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. 18 Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а. 19 Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш. 20 Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца. 21 Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш. 22 Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш. 23 ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора. 24 Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара. 25- 27:25-36 Довзийтинарг 18:11-19. Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара.
Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра,
хӀордана юкъахь нисъелла.
26 Пийсакаш лелорхоша хьо генна хӀорда юккъе дӀайигнера,
ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира.
27 Хьан хьал хи буха гӀур ду,
ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду.
Хьоьца мел хилларш – хинкема дӀадохуьйтуш берш а,
цу тӀера хинкеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш берш а,
хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тӀемалой а –
уьш берриш а хи буха гӀур бу.
И хӀума хьо йохочу дийнахь хир ду.
28 Хьан кемалелорхоша хьоькху маьхьарий бахьана долуш,
латтанаш тӀехь мел верг вегор ву.
29 Пийсакаш лелорхой шайн кеманашна тӀера дӀагӀур бу,
хинкема дӀадохуьйтуш берш а, кемалелорхой а хийистехь дӀахӀуьттур бу.
30 Цара хьуна тӀаьхьа белхар дийр ду,
шайн кортош тӀе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
31 Цара, шайн кортош а даьшна,
шайна тӀе сингаттаман духар а дуьйхина,
дог доьхна, хьуна белхар дийр ду
къаьхьачу бӀаьрхишца.
32 Боьлхуш, тийжаш,
цара хьох лаьцна хӀара йиш дӀалокхур ю:
‹ХӀордана юккъехь узарш деш йолу
Цора-гӀала саннарг кхин муьлха яра?
33 Хьан совдегарша, хӀорда тӀехула а лелаш,
дуккха а къаьмнаш Ӏабадора.
Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хӀуманах а
дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора.
34 ХӀинца хьо хӀордо хӀаллакйина,
хӀорда буха а яхана,
хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а
хьоьца хи буха дахана›.
35 ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо. 36 Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».
28Цора-гӀалин баьччана дуьхьал Делера болу хаам
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. 3 Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. 4 Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. 5 Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.
6 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, 7 Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю. 8 Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо. 9 ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со – Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац 10 Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».
Цора-гӀалин баьчча вожор
11 Везачу Элан дош кхечира соьга: 12 «Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло:
‘Хьо кхачамаллин кеп яра,
хьекъалаллех вуьззина вара,
хьо уггар хазаниг а вара.
13 Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара,
хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра:
рубинца а, топазца а, алмазца а,
хризолитца а, ониксца а, ясписца а,
саппирца а, карбункулца а, изумрудца а.
Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара.
И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
14 Хьо къобалдина каруб- малик дара,
Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера.
Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.
15 Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь
хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна,
хьуна чохь зулам карадаллалц.
16 Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш,
хьо къизаллех а вуьзна,
ахьа хьайх къинош а летийна.
Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина.
Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик,
цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.
17 Хьан хазалла бахьана долуш
куралла йоьссина хьан даг тӀе,
хьайн дозалла бахьана долуш
хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа.
И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна,
паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.
18 Ахьа дукхазза а къинош леторна а,
ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а,
хьайн еза меттигаш ахьа бехйина.
Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас,
цо хьо дӀа а кхаьллина.
Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас,
хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
19 Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш,
инзардевлла, Ӏадийна ду.
Хьан чаккхе къемате яра,
ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».
ЦӀадан-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам
20- 28:20-26 Юал 3:4-8; Закри-ЯхӀу 9:1, 2; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14. Соьга Везачу Элан дош кхечира: 21 «Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 22 ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий:
„ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву.
Хьуна чохь Со гӀаравер ву.
Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а,
Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а,
хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
23 Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду,
хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду.
ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду.
ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
24 Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».
Исраилан халкъ декъалдина хилар
25 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу. 26 Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».
29Мисар-махкана дуьхьал Делера болу хаам
1- 29:1–32:32 ЕшаӀ-ЯхӀу 19:1-25; Ярми-ЯхӀу 46:2-26. Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан шуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе. 3 Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху:
‘Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун,
Со хьуна дуьхьал ву,
хьо боккха саьрмик санна ву,
хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Ӏуьллуш болу.
Ахь боху: ‹ХӀара Нил-хи сан ду,
иза аса кхоьллина а ду›.
4 Амма Аса хьан мочхалех мӀара а тесна,
хьан пелагашна тӀе хьан хиш чуьра чӀерий а латийна,
хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу,
хьан пелагашна тӀелеттачу чӀерашца цхьаьна.
5 Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу,
хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а.
Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу,
цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац.
Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний,
стигаларчу олхазаршний дӀалур бу,
цаьрга баийта.
6- 29:6 ЕшаӀ-ЯхӀу 36:6. ТӀаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна,
Со Веза Эла вуйла.
Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гӀо лехча,
хьо, эрз санна, ледара гӀортор ма яра.
7 Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча,
хьо бекъабелла дӀабелира,
церан ерриг а белшех кӀохцалш а дохуьйтуш.
Уьш хьох шайна гӀортор ян хӀиттича,
ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.
8 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тӀе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хӀаллак а деш. 9 Бассалур бу Мисар-мохк, тӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла.
‹ХӀара Нил-хи сан ду, хӀара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш, 10 Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тӀе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тӀе кхаччалц а. 11 Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. 12 Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дӀахӀоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гӀаланаш йохийначу гӀаланашна юкъахь хир ю. Аса дӀасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу’.
13 Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дӀадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийначуьра. 14 Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатӀрусан лаьтта тӀе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чӀагӀъелла дӀахӀуттур яц. 15 Иза кхечу пачхьалкхашна юкъахь уггар гӀийла пачхьалкх хилла лаьттар ю, кхин цкъа а кхечу пачхьалкхел лакха а ер яц. Ас кӀеззиг бийр бу уьш, кхин цкъа а кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалла а деш дӀа ца хӀиттийта. 16 Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гӀо а ца доьхуш, Мисар-махке гӀо а дехна, латийна долу къинош. ТӀаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».
Набухди-Нецар-паччахьо Мисар-мохк схьалацар
17 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе ворхӀалгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 18 «Адаман кӀант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гӀелдина, Цора-гӀалина дуьхьал цаьрга тӀом а бойтуш. Массо а тӀемалойн месаш тилла дӀаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хӀумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал». 19 Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дӀалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тӀехь талораш а дайтина, церан бахам шен тӀемалошна, алапа санна, дӀабалийта. 20 Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
21 «Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла».
30Мисар-мехкан кхоьлина де
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Тийжа а тийжаш, ала:
‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›
3 Иза уллохь ду,
Везачу Элан де.
Кхоьлина хир ду
и халкъашна гӀайгӀане долу де.
4 Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду.
Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а,
цуьнан бахам схьабаьккхича а,
Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а,
Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.
5 Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’.
6 Иштта боху Везачу Эло:
‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю,
южур ю цуьнан сийлалла а,
дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а,
Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц
массо а туьро вожор ву’.
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
7 ‘Бассийначу мехкашна юкъахь а
иза уггар а бассийнарг хир бу,
яссийначу гӀаланашна юкъахь а
уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.
8 Со Веза Эла вуйла хуур ду царна,
Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна,
цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.
9 Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’
10 Хьалдолчу Эло иштта боху:
‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре
Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.
11 Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а
Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама.
Цара шайн тарраш хьала а даьхна,
дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
12 Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду,
ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду,
кхечу махкарчу нехан карахула
Ас дассор ду и латта.
Иза Ас боху, Везачу Эло’.
13 Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘Ас цӀуш а бохор бу,
Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу.
Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо.
Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
14 Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю,
ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.
15 Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю,
Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.
16 Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю,
ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю,
Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю,
дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.
17 Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах
туьро хӀаллакбийр бу,
ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.
18 Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду,
Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа,
цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а.
Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе,
ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.
19 Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана,
тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».
Мисар-мехкан паччахьан ницкъ кагбар
20 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 21 «Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». 22 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. 23 Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. 24 Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву. 25 Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 26 Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».
31ПирӀун баганан диттах тарвалар
1 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала:
„Хьайн сийлахь хиларца
хьо хьаьнца нисво ахьа?
3 Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке,
шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш,
ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу.
Цуьнан бохь мархашна юкъахь+ 31:3 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *мархашна юкъахь. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *стоммачу гаьннашна юкъахь.* бара.
4 Хино и дитт кхиадора,
бухарчу хиша иза лакхадаьккхира.
Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш
гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.
5 Вукху диттел а лекха дара иза,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш
кхоччуш дукха хи дара.
6 Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора,
лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора.
Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.
7 Лекха а долуш, хаза дара и дитт,
шена тӀехь деха гаьннаш а долуш,
цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.
8- 31:8 Доладалар 2:9. Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора.
Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора,
пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора.
Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.
9 Дуккха а гаьннаш а делла,
Аса иза хаздинера,
цундела Ӏеданера массо а дитташ,
Делан бешахь долу массо а дитташ
цунах хьоьгуш дара“».
10 Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, 11 Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дӀаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дӀадаьккхина иза. 12 Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дӀатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тӀе а, тогӀеш тӀе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ӀиндагӀера дӀадаханера. 13 Дамардарц хилла Ӏуьллучу цу дитта тӀехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. 14 Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тӀекхача ца гӀертийта а. ХӀунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Ӏожалле дӀахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дӀабохуьйтучу метте дӀабохуьйтур бу».
15 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Иза эхарте кхаьчначу дийнахь, Ас цунна тезет хӀоттадайтира. Иза бахьана долуш Аса бухара хи а дӀалакъийра, цунна тӀедогӀу хиш а совцийра, ткъа даккхий хиш кхин дӀа а ца дахийтира. Ливанун-мохк а, гӀайгӀане бина, дӀахӀоттийра Ас, ткъа дерриг а дитташ дара маргӀалдулуш. 16 И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дӀабаханчу вукхарна тӀаьхьа, бух боцучу Ӏин чу дӀахьажийча. ТӀаккха хӀинцале а лаьттан буха даханчу Ӏеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Ӏебира оцунах. 17 Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дӀакхаьчна. ХӀинца уьш туьро хӀаллакбиначарах дӀакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ӀиндагӀехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера.
18 Иштта, Ӏеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хӀинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дӀахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тӀемашкахь хӀаллакбина болчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур ду. Иза хир ду пирӀунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
32ПирӀунах болу тийжам
1 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран шуьйтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Адаман кӀант! ХӀара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунах лаций дӀаала:
„Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета,
амма билггал аьлча, хӀорда чуьра саьрмик санна ву хьо!
Хьайн хишна чохь хьайн мерӀуьргашца синош доху ахь,
хьайн когашца хи а даржош,
иштта и хи дӀаса а детташ“».
3 Иштта боху Хьалдолчу Эло:
«Дуккха а халкъашна а гуш,
Ас хьуна тӀе Сайн бой тосур ю,
ткъа цу адамаша хьо Сан бойнаца хьалабоккхур бу.
4 Ас хьо лаьтта тӀе охьатосур а бу,
ткъа аренгахь хьо дӀа а тосур бу.
ТӀаккха хьуна тӀе стигалара дерриге а олхазарш а хуьйшур ду,
ерриге а лаьттара акхарой а хир ю
шаьш юззалц хьо бууш.
5 Ас хьан жижиг лаьмнашкахула дӀасакхуьссур ду,
тогӀеш хьан докъах хьалаюзур ю.
6 Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тӀе кхаччалц, цӀийх хьалаюзур ю,
цу цӀийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду.
7 Хьо дӀабайича, Ас стигалш а дӀакъовлур ю,
седарчий а кхолуьйтур ду,
мархашца малх а дӀакъовлур бу,
батто а шен серло лур яц.
8 Стигалара массо а серло луш йолу хӀума Ас дӀакъовлур ю,
тӀаккха дерриг а хьан лаьтта тӀехь бода хӀуттур бу».
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
9 «Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гӀайгӀане хилла дӀахӀуьттур ду,
Ас хьох дисина дакъош кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасадаьхьча а,
хьуна ца девзачу мехкашка уьш дӀадаьхьча а.
10 Ас дуккха а халкъаш Ӏадор ду,
церан паччахьаш чӀогӀа кхералур бу,
Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча.
Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш,
кхоьруш, бегош хир бу,
царах хӀорра а, шайн дахар бахьана долуш,
кхоьруш хир бу».
11 ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху:
«Бавелхойн паччахьан тур
хьуна дуьхьал доккхур ду.
12 Цуьнан эскархойн таррашца
Ас хьоьца болу нах хӀаллакбойтур бу.
И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу,
цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю,
цуьнан мел долу халкъ хӀаллак а дийр ду.
13 Ас цуьнан мел долчу хишна уллора дерриг а даьхни хӀаллакдийр ду,
адамийн когаша а, даьхнийн бергаша а кхин бехдийр дац и хиш.
14 Ас синтем лур бу Мисар-мехкан хишна,
тӀаккха уьш, даьтта санна, меллаша дӀаоьхур ду».
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
15 «Мисар-мохк Ас бассор бу,
цуьнан массо а хӀума хӀаллакьхир ду.
Цу махкахь мел вехаш верг Ас охьатоьхча,
царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
16 Иштта бу и бен болу тийжам.
Кхечу къаьмнийн зудабераша бийр бу иза.
Мисар-махках а, цигарчу халкъах а лаьцна
бийр бу цара и тийжам».
Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Мисар-мохк эхарте кхачар
17 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран тӀаьххьарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: 18 «Адаман кӀант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дӀадига, коше дӀабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. 19 ДӀаала цаьрга:
„Шу хьанал гӀолехь ду?
ДӀагӀо цига,
сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“.
20 Мисар-мохк тӀамехь байъинчарна юкъахь Ӏуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дӀадигна хуьлийла. 21 Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хӀаллакбина, охьа а бехкина, Ӏохкуш бу цигахь“.
22 Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хӀаллакбина. 23 Церан кешнаш эхартехь уггар а кӀорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Ӏадийнехь а.
24 Цигахь Ӏейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тӀемалой хӀаллакьхилла тӀамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. 25 ХӀаллакбина Ӏохкучарна юкъахь Ӏейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Ӏохкуш хӀаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хӀаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а, хӀинца цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. ХӀаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш.
26 Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина а бу, хӀунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора. 27 Уьш байъинчу ширачу заманахь+ 32:27 *Грекийн гочдар тӀехь: *сунтбаза болчаьрца. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ширачу заманахь болчаьрца.* лаьтта бухахь Ӏохкуш бац. ХӀорш шайн герзаца дӀабоьхкина, церан тарраш церан гӀовлангахь Ӏохкуш ду, ткъа церан турсаш+ 32:27 *Турсаш *– иштта, схьахетарехь, деша деза тептар. Делахь а Ӏебархойн маттахь: *къинош.* церан даьӀахкашна тӀехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Ӏадийнера.
28 Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хӀаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хӀаллакбинчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур бу.
29 Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тӀемалой бара, ткъа хӀинца туьро хӀаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Ӏохкуш бу.
30 Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цӀаданхойн тӀемалой а бу. Туьро хӀаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Ӏохкуш бу, шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дӀаяхьа.
31 ХӀаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирӀунна дӀагича, цунна синхьаам хир бу и хӀаллакбина нах бахьана долуш, хӀунда аьлча пирӀун а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
32 «ПирӀуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Ӏададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дӀабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
33Везачу Эло Яхьазкхиалх гӀаролхо вар
(Яхьазкхиал 3:16-21)
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега. 3 Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду. 4 Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. 5 Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо. 6 Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“.
7 Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа. 8 Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду. 9 Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».
ХӀора стага ша лелийначунна жоп дала дезар
10 «Ткъа ахьа, адаман кӀант, дӀаала исраилхошка: „Аша иштта боху: ‘Тхан вон лелар а, тхан къинош а тхуна тӀехь ду. Тхо телхаш ду уьш бахьана долуш. Тхо муха даха деза те?’“ 11 Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Ӏожалла тӀеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дӀа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тӀера! ХӀунда хуьлу хьо хӀаллак, Исраилан халкъ?“
12 Ахьа, адаман кӀант, дӀаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гӀуллакхаша иза кӀелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гӀуллакхех дӀавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гӀуллакхаш бахьана долуш, кхидӀа ваха пурба лур дац“. 13 Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гӀуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогӀур дац цо хьалха мел дина дика гӀуллакхаш. Иза лийр ву, ша тӀаьхьа дина долу зулам бахьана долуш. 14 Аса зуламечу стаге дӀахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТӀаккха иза, шен къиношна тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло. 15 Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дӀалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац. 16 Цо хьалха лелийна долу вонаш Ас дагадоуьйтур дац. Цо бакъдерг а, нийсо а лелийна, цундела иза билггал вехар ву.
17 Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь. 18 Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, зулам дан волалахь, и хӀума бахьана долуш иза лийр ву. 19 Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву. 20 Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хӀоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас».
Ярушалайм йожарх лаьцна болу хаам
21- 33:21 ТӀаьххьарнаш 25:3-10; Ярми-ЯхӀу 39:2-8; 52:4-14. Тхо Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кӀелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГӀала йоьжна!» 22 Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тӀе Везачу Элан куьг хӀоьттира. Ӏуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дӀайиллира+ 33:22 *Дагадаийта *– Яхьазкхиалан бат хьалха Везачу Эло дӀакъевлина яра (24:27).*. Иштта, сан бага дӀайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира.
23 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 24 «Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
25 Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду? 26 Шу шайн туьрах тешна ду, аша дегаза вонаш до, вовшийн зударшца эвхьазадуьйлу. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?’“
27 Ахьа дӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, цу йохийначу гӀалин саьлнаш юкъахь Ӏаш болу нах туьро хӀаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дӀалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чӀагӀонаш чохь а, хьехаш чохь а дӀалевчкъинарш Ӏожаллин уьно хӀаллакбийр бу. 28 Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац. 29 Цу наха дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Ас хӀара латта дассийна дӀахӀоттийча, тӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла’“.
30 Ткъа хӀинца, адаман кӀант, хьох лаьцна эр ду Ас. Хьан къомах долу адамаш, гӀалин пенашна уллохь а, цӀийнан неӀаршна уллохь а гул а делла, хьох лаьцна къамелаш деш ду. Цара вовшашка боху: „Дуьйло, хьовса, Везачу Элера хӀун дош деана“. 31 Уьш хьо волчу схьабогӀу, халкъан гуламе богӀуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугӀу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна с лоху. 32 Церан бӀаьргашкахь хьо лаамийн эшарш локхуш волу а, хаза аз долу а илланча ву, цу тӀе говза дечиг-пондар локхург а ву. Цара хьан дешнашка ладугӀу, амма уьш кхочуш ца до. 33 Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, – ткъа иза-м билггал кхочушхир ду – тӀаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла».
34Исраилхойн Ӏуй
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2 «Адаман кӀант, исраилхойн Ӏушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Ӏуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! 3 Аша уьстагӀийн шура+ 34:3 *Грекийн гочдар тӀехь: *шура молу. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *мохь йоу.* молу, церан тӀергӀах йина хӀуманаш шайна тӀе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагӀашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. 4 Аш гӀийланаш чӀагӀ ца бора, цомгуш болчу уьстагӀна дарба а ца дора, церан чевнаш дӀа а ца йоьхкура. Жена юкъара дӀакъаьстина уьстагӀий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тӀехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора. 5- 34:5 Лелар 27:17; Сулим 22:17; Маттай 9:36; Марк 6:34. Шайна тӀехь Ӏу воцу дела, и уьстагӀий дӀасадаьржира, цул тӀаьхьа уьш хӀора экханан ижу хилла дӀахӀоьттира. 6 Сан уьстагӀий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тӀехула уьш дӀасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гӀерта“.
7 Цундела, Ӏуй, ладогӀа Везачу Элан даше: 8 „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, и Сан уьстагӀий акхаройн ижу хилийта Ӏуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тӀехь Ӏу а воцуш, хӀора аренгарчу экханан даар хилла дӀахӀиттарна а, ткъа Сан Ӏуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, 9 и дерриг а хӀума бахьана долуш, Ӏуй, Везачу Элан даше ладогӀа! 10 Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Ӏушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидӀа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кӀелхьардоккхур ду. Сан уьстагӀий церан даар хилла кхин дӀахӀуьттур дац’“».
Дикачу Ӏуьнах лаьцна
11 Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагӀий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву. 12 Шен дӀасадаржийна долчу уьстагӀашка Ӏу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргӀатдохур ду Ӏаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дӀасадаржийна хиллачу меттигашкара. 13 Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тӀе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Ӏоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Ӏалашбийр бу Ас уьш. 14 Аса дикачу бай тӀехь Сайн уьстагӀий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоӀуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тӀехь, уьш дежаш а лелар ду. 15 Со-Со хир ву Сайн уьстагӀий дажош а, цаьрга садоӀуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
16 «Ас байна уьстагӀ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дӀайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагӀ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа».
17 «Аса хьуна, Сан жа, – боху Хьалдолчу Эло, – цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю. 18 Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тӀехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦӀена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо. 19 Сан жено яа еза те аша шайн когашца хьешна йолу буц а, мала деза те аша шайн когашца бехдина долу хи а?»
20 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху цаьрга: «Ас-Айса йийр ю берстинчу уьстагӀний, гӀийлачу уьстагӀний юкъахь кхел. 21 Аша массо а гӀийлачу уьстагӀна шайн агӀонаш а, маӀаш а етта, уьш шайна юкъара дӀалахкархьама. 22 Амма Ас кӀелхьардоккхур ду Сайн жа, уьш хӀинца дуьйна цхьаммо а лечкъор а дац. Ас цхьана уьстагӀний, вукху уьстагӀний юкъахь кхел а йийр ю. 23- 34:23 Довзийтинарг 7:17. Ас царна тӀе цхьа Ӏу хӀоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Ӏу хир ву. 24- 34:24 Яхьазкхиал 37:24. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. 25 Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тӀера къиза акхарой а дӀайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю.
26 Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догӀа хир ду. 27 Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагӀий шайн лаьтта тӀехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла. 28 Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац. 29 Ас царна токхе долу ялта дӀаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна. 30 ТӀаккха царна дӀахуур ду, церан Веза Дела волу Со шайца вуйла, Исраилан халкъ долу уьш Сан къам дуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
31 «Шу – Сан уьстагӀий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагӀий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
35Дала Эдоман халкъана тӀехь ден долу таӀзар
1- 35:1-15 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; 63:1-6; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 25:12-14; Ӏамос 1:11, 12; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. Везачу Элан дош кхечира соьга: 2 «Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш, 3 дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
‘СеӀир-лам, Со хьуна дуьхьал ву.
Ас Сайн ницкъ хьуна тӀе а берзор бу,
хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу.
4 Хьан гӀаланаш йоха а йина,
царах саьлнаш йина дӀахӀиттор ю Ас,
хьо бассор бу Ас,
тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
5 Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама. 6 Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду. 7 Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву. 8 Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина. 9 Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
10 Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а+ 35:10 *И ший а къам а, ший а мохк а *– кхузахь дуьйцурш Исраилан а, ЯхӀудан а къаьмнаш а, мехкаш а ду.* сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. 11 Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву. 12 ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!› 13 Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“.
14 Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу. 15 Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
36Исраил-мохк Дала декъалбар
1 «Адаман кӀант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга. 2 Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагӀаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яӀ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. 3 Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагӀаша, шуна массо а агӀор го а бина, шу дассийна, ткъа хӀинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу. 4 Цундела ладогӀа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Ӏаннашка, тогӀешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дӀахӀиттийначу а яьсса лаьттачу гӀаланашка’. 5 Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хӀунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дӀаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“.
6 Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Ӏаннашка а, тогӀешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгӀазвахарца а дӀабохуш ду хӀара, хӀунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“. 7 Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Хьалаайинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йо: шуна гонах долчу къаьмнашна а тӀебогӀур бу кхардам“.
8 „Ткъа аша, Исраил-мехкан лаьмнаш, керла дитташ кхиор ду, царна тӀехь Сан Исраилан халкъана стоьмаш кхиор бу, хӀунда аьлча и къам кестта цӀа доьрзур ду. 9 Со шуьца ву, Ас гӀо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тӀехь ялта дӀа а дуьйр ду. 10 Шуна тӀехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тӀехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хӀоттийна, гӀаланаш а адамех хьалаюзур ю. 11 Ас шуна тӀехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кӀорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тӀехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. 12 Ас Сайн Исраилан халкъ шуна тӀехула лоьлуьйтур ду. Шу церан долахь хир ду, аша кхин цкъа а церан дог а дохор дац, уьш тӀаьхье йоцуш а дитина“.
13 Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Исраил-мехкан латта, хьох лаьцна вон мел дерг дуьйцу, ахьа хьайн халкъ а дӀакхоллу боху, иштта хьайн тӀаьхье а хӀаллакйо боху. 14 Ахьа хьайн халкъ кхин дӀакхоллур дац, иза тӀаьхье йоцуш а дуьтур дац ахьа“. Иштта боху Хьалдолчу Эло: 15 „Ас кхечу къаьмнийн кхардам хьуна кхин хозуьйтур а бац, кхечу халкъаша хьо кхин юьхьӀаьржачу хӀоттор а дац, ахьа хьайн къам кхин галдолуьйтур а дац“. Иштта боху Хьалдолчу Эло».
Исраилхойн керла дахар
16 ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: 17 «Адаман кӀант! Исраилан халкъо, шен лаьтта тӀехь ша дехачу хенахь, и латта шен вон леларца бехдора. Церан лелар зудчун ламаз доьхначу хенахь боьха хиларх тера дара. 18 Цара Ӏанийна цӀий бахьана долуш а, иштта шайн цӀушца хӀара латта цара бехдина дела а, Ас Сайн оьгӀазалла царна тӀе яссийна. 19 Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна. 20 ТӀаккха уьш кхечу мехкашка дӀабахара, амма цигахь а цара Сан еза цӀе сийсазъяьккхира, хӀунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тӀера арадала дезаш хили иза“. 21 ТӀаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цӀе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу.
22 Цундела дӀаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цӀе бахьана долуш дийр ду. 23 Ас язйийр ю Сайн сийлахь цӀе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цӀе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича.
24 Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду.
Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду,
шайн лаьтта шу юха а далор ду.
25 Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду,
тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу.
Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.
26- 36:26-28 Яхьазкхиал 11:19, 20. Ас шуна керла дог а лур ду,
иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна.
Шуна чуьра шун тӀулган дог дӀа а даьккхина,
шуна дилханан дог кхуллур ду Аса.
27 Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду,
Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду,
Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.
28 ТӀаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тӀехь дехар ду шу,
шух Сан халкъ хир ду,
ткъа Со шун Дела хир ву
29 Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу,
Аса кӀа схьакхойкхур ду,
ткъа иза дебор а ду,
шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц
30 Ас шун дитташ тӀера стоьмаш а,
кхаш тӀера ялта а дебор ду,
кхидолу къаьмнаш, мацалла хӀоттар бахьана долуш,
шух кхин ца кхардийта.
31 ТӀаккха дагадогӀур ду шуна шаьш дӀакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тӀаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш. 32 Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, – боху Хьалдолчу Эло. – ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.
33 Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цӀандийр долчу дийнахь, шайн гӀаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахӀиттийна а хир ю. 34 Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дӀахӀуттур ду, тӀехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ. 35 Цара эр ду: ‘ДӀаяханчу заманахь хӀара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хӀинца хӀара Ӏеданан беш санна ду. Кхузара гӀаланаш йохийна, яссийна, хӀаллакйина лаьтташ яра, ткъа хӀинца уьш чӀагӀйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’. 36 ТӀаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гӀаланаш юхаметтахӀиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тӀехь юха ялта дӀадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“.
37 Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу. 38 Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагӀина лерина долу уьстагӀий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гӀаланашкахь. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“».
37Якъаеллачу даьӀахкийн тогӀи
1 Везачу Элан ницкъ боьссира суна тӀе, Цуьнан Сино, цигара дӀа а ваьккхина, тогӀи чу охьавоссийра со. Цу тогӀи чохь дукха даьӀахкаш яра. 2 Цо цу даьӀахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогӀин бухахь йолу уьш чӀогӀа дукха хилар. Со инзарвелира и даьӀахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш. 3 ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Денлур юй те и даьӀахкаш?»
Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа».
4 Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дӀаала оцу даьӀахкашка: „Екъа даьӀахкаш! ЛадогӀа Везачу Элан даше!“ 5 Иштта боху Хьалдолчу Эло хӀокху даьӀахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тӀаккха шу денлур ю. 6 Ас шуна кӀозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тӀе чкъор а далор ду, цул тӀаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тӀаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“».
7 Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тӀе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гӀовгӀа елира. Юха и даьӀахкаш вовшашна тӀеттӀа йоьлхура. 8 Суна гира царна тӀе кӀозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тӀаьхьа царна тӀе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара.
9 ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“».
10- 37:10 Довзийтинарг 11:11. Цо Суна тӀе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТӀаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагӀевттира. Уьш доккха эскар хиллал чӀогӀа дукха бара.
11 ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара даьӀахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьӀахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дӀабаьлла, хиндерг тхох дӀа а хаьдда“. 12 Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тӀаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. 13 Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла. 14 Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тӀаьхьа Ас шу шайн лаьтта тӀе даха охьаховшор ду. ТӀаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».
ЯхӀудан халкъ а, Исраилан халкъ а вовшахтохар
15 Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира: 16 «Адаман кӀант, хьайна цхьа гӀаж схьа а эций, цу тӀе дӀаязде: „ЯхӀудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тӀаьхьа шолгӀа гӀаж схьа а эций (иза Эпрайман гӀаж ю), цу тӀехь а дӀаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“. 17 Цул тӀаьхьа и ши гӀаж, цхьа гӀаж йолуш санна, цхьаьна дӀалаца хьайн куьйгахь. 18 Хьан халкъо хьайга, и хӀун ду бохуш, хаттар дича, 19 цуьнга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гӀаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхӀудан гӀожаца цхьаьна дӀалоцур ду, цхьа гӀаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“.
20 Айхьа тӀехь яздина йолу ши гӀаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае. 21 ДӀаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дӀабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьӀӀера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу Аса. 22 ХӀокху лаьтта тӀехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дӀахӀиттор бу. Царна массарна а тӀехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. 23 Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цӀушца а, я шайн дегазчу гӀуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кӀелхьара а даьккхина, цӀандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. 24- 37:24 Яхьазкхиал 34:24. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. 25 Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тӀехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тӀехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. 26 Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дӀа а хӀоттор ю. 27- 37:27 2 Коринтхошка 6:16; Довзийтинарг 21:3. Царна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 28 Сан Деза цӀа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“».
38ГӀогӀана тӀехь толам баккхар
1 Соьга Везачу Элан дош кхечира: 2- 38:2 Довзийтинарг 20:8. «Адаман кӀант, Машах а, Тубал а цӀераш йолчу меттигийн МагӀогӀ-махкарчу коьрта эла+ 38:2 *Машахан а, Тубалан а коьрта эла *– я иштта: *Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.* волчу ГӀогӀехьа дӀа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цуьнга: 3 „Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла+ 38:3 *Машахан а, Тубалан а коьрта эла *– я иштта: *Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.* волчу хьуна дуьхьал ву Со! 4 Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мӀерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тӀамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТӀемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. 5 Парсихойн а, хушахойн а, пӀатӀахойн а тӀемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гӀемашца а. 6 Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогӀарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца. 7 Кечам а бай, кийча хила хьо а, хьуна тӀегулделла массо а эскар а, ткъа хьо церан баьчча а хила. 8 Дуккха а денош дӀадевллачул тӀаьхьа хьо тӀом бан тӀекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тӀом бинчуьра юхаметтахӀоьттинчу махкана тӀегӀуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хӀинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тӀехь дехаш ду. 9 Амма хьо царна тӀелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Ӏаьржа марха санна, тӀе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тӀелетар ду’.
10 Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цу дийнахь хьан даг чохь цхьа ойла кхоллалур ю, тӀаккха хьуна вон хӀума дан дагадогӀур ду. 11 Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чӀагӀйина йоцучу гӀаланашна тӀелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гӀорашца къовлуш долу кевнаш а дац. 12 Ас, царна тӀехь толам а баьккхина, церан массо а хӀума хӀонс санна дӀахьур ду. Аса тӀом бийр бу йохийначуьра юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Ӏаш ду›. 13 Шеба а, Даддан а гӀаларчу наха а, Таршаш-гӀаларчу совдегарша а, цуьнан мел йолчу ярташа а хьоьга хоттур ду: ‹Хьо талор дан веана те, ахьа хӀара эскар исраилхошкара массо а хӀума: деши, дети, даьхни, кхидолу хӀума дӀадахьа гулдина те?›’“.
14 Цундела, адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Хьалдолчу Эло иштта боху хьоьга: ‘Сан Исраилан халкъ, шена кхерам боцуш дехаш хетачу хенахь, ахь тидам бийр бу цуьнан. 15 Къилбаседехьа болчу генарчу хьайн махкара схьавогӀур ву хьо, хьайца дуккха а къаьмнийн эскархой а балош, уьш берриш а дошлой хир бу. 16 Хьо Сан Исраилан халкъана тӀелата вогӀур ву, хьо лаьтта тӀехула дӀаяьржина йолу Ӏаьржа марха санна хир ву. И хан тӀекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тӀом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’. 17 Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьо вуй те Ас хьалхарчу заманахь Сайн ялхой болчу Исраил-мехкан пайхамаршкахула вийцинарг? Цу хенахь Ас элира, царна дуьхьал ваккха хьо валор ву Ас аьлла.
18 Оцу дийнахь, ГӀогӀа+ 38:18 *ГӀогӀ *– иза, схьахетарехь, къоман цӀе ю.* Исраил-махкана дуьхьал тӀом болийча, – боху Хьалдолчу Эло – Сан оьгӀазалла карзахъер ю. 19 Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цӀерца Ас чӀагӀо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чӀогӀа мохк бегор бу аьлла. 20 Дуьнен чохь дийна мел долу хӀума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хӀорда чохь долу чӀерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хӀума, иштта лаьтта тӀера хӀора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду. 21 Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГӀогӀана дуьхьал тӀом бан, – боху Хьалдолчу Эло. – ХӀора тӀемалочо шен вешина тӀе тур хьалаойур ду. 22 Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе. 23 ТӀаккха Ас дӀагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».
39ГӀогӀах лаьцна хиндерг алар
1 «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла+ 39:1 *Машахан а, Тубалан а коьрта эла *– я иштта: *Рошан а, Машахан а, Тубалан а эла.* волчу хьуна дуьхьал ву Со! 2 Хьо юха а верзийна, Аса дӀакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дӀавуьгур ву Ас. 3 ТӀаккха Ас хьан аьрру куьйгара секхаӀад дӀадоккхур ду, хьан аьтту куьйгара пхерчий дӀакхуьссур ду. 4 Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дӀалур ву. 5 Хьо аренгахь вуьйр ву, Аса иштта аьлла дела – боху Хьалдолчу Эло. – 6 Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. 7 ТӀаккха Аса Сайн еза цӀе Сайн Исраилан халкъана дӀайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цӀе, ткъа массо а къаьмнашна дӀахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла.
8 Гой хьуна, и хӀума тӀекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, – боху Хьалдолчу Эло. – Ас дийцина долу де ма ду иза!
9 ТӀаккха Исраил-махкарчу гӀаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цӀе а латийна, цу цӀергахь герз дагор ду – кегий а, даккхий а турсаш а, секхаӀедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхӀ шарахь шайн цӀерашкахь дагор ду цара уьш. 10 Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац – мостагӀийн герз чӀеш хилла дӀахӀуттур ду царна. Шайгара хӀонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хӀонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
ГӀогӀ дӀаволлар
11 «Ас Исраил-махкахь меттиг билгалйоккхур ю, ГӀогӀ дӀаволлийта. Иза хир ю хӀорд болчу агӀонгара малхбалехьа, Беллачийн ТогӀи+ 39:11 *Беллачийн ТогӀи *– я иштта: *Чекхбевллачийн ТогӀи.* чохь. Цу меттиго некъахойн некъ сацор бу. Наха цунна, ГӀогӀан эскаран тогӀи аьлла, цӀе туьллур ю. 12 ВорхӀ баттахь дӀабухкур бу уьш Исраилан халкъо, шайн латта царах дӀацӀандеш. 13 Дерриг а халкъ хир ду уьш дӀабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дӀагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло. 14 «Цара леррина нах билгалбохур бу, махкахула чекх а буьйлуш, лаьтта тӀехула дисина долу беллачийн декъий цаьрга дӀадохкийта, шайн латта цӀандархьама. ВорхӀ бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа уьш и декъий лаха арабовла беза. 15 Декъий схьалохуш волчунна адаман цхьа даьӀахк гича, цо цунна улло билгало хӀотто еза, и декъий дӀадухкуш лелаш болчарна и билгало гинчул тӀаьхьа, уьш ГӀогӀан эскаран тогӀи чохь дӀадохкийта. 16 Цу беллачеран гӀалина, ХӀамуна (эскарийн тоба) аьлла, цӀе туьллур ю. Иштта цӀандина хир ду и латта.
17- 39:17-20 Довзийтинарг 19:17, 18. Адаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала. 18 Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу. 19 Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах. 20 Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Исраил-мохк юхаметтахӀоттор
21 «Ас халкъашна Сайн сийлалла гучуйоккхур ю, тӀаккха массо а къаьмнашна Ас йина кхел дӀагур ю, царна Сан ницкъ а дӀагур бу. 22 Оцу дийнахь дуьйна Исраилан халкъана хуур ду, Со шайн Веза Дела вуйла. 23 Массо а халкъашна дӀахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хӀунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагӀийн кара дӀаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тӀамехь далийтархьама а. 24 Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».
25 Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХӀинца Ас Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цӀе Ас ларйийр ю. 26 Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош. 27 Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагӀийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дӀагойтур ду, Со веза хилар. 28 Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац. 29 Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хӀунда аьлча Ас Сайн Синан Ӏаь тухур ю Исраилан халкъана тӀе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
40Яхьазкхиал Ярушалаймана тӀевалор
1 Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш – оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира. 2- 40:2 Довзийтинарг 21:10. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора. 3- 40:3 Довзийтинарг 11:1; 21:15. Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу втанан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.
4 Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».
Малхбалера ков
5- 40:5–42:20 Сулим 6:1-38; 2 Шерашкахь 3:1-9. Суна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра. 6 Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра+ 40:6 *Ӏебархойн тептар тӀехь тӀетоьхна ду: *Цуьнан шоралла цхьана гӀожан барамехь яра.*. 7 ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара. 8 ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара. 9 Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра. 10 Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.
11 Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра. 12 ХӀора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агӀор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хӀора агӀо ялх дол яра. 13 Цул тӀаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тӀера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неӀарш дуьхь-дуьхьал яра. 14 Пенийн гӀорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гӀорторана тӀекхаччалц гонах догӀура. 15 Кевнан чуволучу меттигера ученна тӀехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара. 16 Кевнна чухула а, церан пенийн гӀорторашкахь а массанхьа а дӀакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гӀорторана тӀехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.
Арахьара керт
17 Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тӀулган цӀенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. 18 И цӀенкъа кевнийн агӀонашкахь йина яра, цу кевнийн барамехь еха а яра. Иза лахара цӀенкъа яра.
19 ТӀаккха цу стага лахарчу кевнан чоьхьарчу меттигера чоьхьарчу кертан арахьарчу агӀор тӀе кхаччалц болу барам буьстира. Иза малхбалехьа а, къилбаседехьа а дӀаюьстича, цхьа бӀе дол хилира.
Къилбаседера ков
20 Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. 21 Цигахь а хӀора агӀонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гӀортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. 22 Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. 23 Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тӀера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тӀекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бӀе дол хилира.
Къилбера ков
24 ТӀаккха цо со къилбехьа дӀавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гӀорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара. 25 Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ. 26 Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агӀор лаьтташ гӀорторан пенаш дара, шайна тӀехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш. 27 Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тӀера дуьйна вукху кевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг бӀе дол яра.
Чоьхьарчу кертан кевнаш
28 Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тӀе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира. 29 АгӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара. 30 (Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла – пхи дол.) 31 Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гӀорторашна тӀехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
32 Цо со чоьхьарчу керта тӀе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира. 33 Оцу кевнан агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. 34 Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
35 Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара. 36 Оцу кевнан а агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ дол. 37 Цуьнан уче+ 40:37 *Уче *– иштта ду грекийн гочдар тӀехь. Делахь а, Ӏебархойн тептар тӀехь иштта ду: *гӀорторан пен.* арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
Чоьхьарчу кертан кевнашна уллохь йолу чоьнаш
38 Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гӀорторашна уллохула чувогӀийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагӀина лерина долу хӀума дуьлуш йолу меттиг яра. 39 Кевнан ученна чохь шинна а агӀор лаьтташ шишша стол яра. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀина лерина долчу а, къиношна тӀера леринчу а, иштта гӀуда такхаран сагӀина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура. 40 Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агӀор шишша стол яра. 41 Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу. 42 Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура. 43 Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.
44 Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра. 45 Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю. 46 Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».
Чоьхьара керт а, Делан цӀа а
47 Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара. 48 Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара+ 40:48 *Ков дейтта дол шуьйра дара *– иштта ду ширачу грекийн гочдар тӀехь, амма Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.*, ткъа пенан шоралла кхо дол яра. 49 Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.
411 Цул тӀаьхьа цо, со Делан цӀийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гӀортораш юьстира. Церан хӀора а агӀонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира – иштта яра хӀора пенийн гӀорторийн шоралла+ 41:1 *Иштта яра хӀора гӀорторан пенан шоралла *– иштта дӀаяздина ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: *четаран шоралла.*. 2 Чуволу меттиг итт дол шуьйра яра, цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш пхиппа дол яра. Еза чоь йохалла шовзткъа дол яра, ткъа шоралла – ткъа дол яра.
3 ТӀаккха, чухуларчу чоьнна чу а ваьлла, чуволучун пенийн гӀортораш юьстира цо. Церан хӀораннан а шоралла ши дол яра. Чуволучун шоралла ялх дол яра, ткъа цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш ворхӀ-ворхӀ дол яра+ 41:3 *Ширачу грекийн гочдар тӀехь: *цуьнан шина агӀонгахь долу гӀорторан пенаш ворхӀ-ворхӀ дол дара. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *чуволучун шоралла ворхӀ дол яра.*. 4 Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю».
Делан цӀийнан агӀонгахь йолу чоьнаш
5 Цо Делан цӀийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цӀийнан агӀонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира. 6 Делан цӀенна тӀехоьттина кхаа гӀота тӀехь агӀонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цӀенна гонах долчу оганна тӀехь терхеш яра, агӀонийн чоьнийн тӀеш царна тӀедахкархьама, и тӀеш Делан цӀийнан оганашна чу а ца диссош. 7 ХӀора лакхарчу гӀотан агӀор чоьнаш шорлуш яра, хӀунда аьлча Делан цӀенна гонах долу ога лаха мел дели шорлуш дара. Иштта, Делан цӀийнан шоралла цхьана гӀота тӀера вукху гӀота тӀе кхаччалц хийцалора. Лахарчу гӀота тӀера лакхарчу гӀота тӀе юккъерачу гӀота тӀе а волий, хьалавалалора. 8 Суна гира, дерриг а Делан цӀенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агӀонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гӀожан барамехь яра, ялх дол а йолуш. 9 ЦӀийнан агӀонашкара йолчу чоьнийн пенаш пхи дол шуьйра дара. Цу чоьнашна а, 10 Делан цӀенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра. 11 АгӀонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тӀейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа – къилбехьа яра. Пхеа даларна агӀорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогӀура, дерриг а Делан цӀенна гонах.
12 Малхбузехьа йолчу Делан цӀийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гӀишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гӀишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра.
Делан цӀийнан барамаш
13 Цул тӀаьхьа цо Делан цӀа дуьстича, иза дохалла бӀе дол дара, ткъа шена тӀехь и гӀишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бӀе дол яра. 14 Делан цӀенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бӀе дол яра. 15 Делан цӀенна тӀехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гӀишлойн йохалла, цуьнан шина а агӀонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бӀе дол хилира.
Делан цӀийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а, 16 неӀсагӀанаш а, дӀакъевлина кораш а, кхаа гӀота тӀехь агӀонашкара чоьнаш а – неӀсагӀина дуьхьал мел йолу хӀума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тӀера корашна тӀе кхаччалц. Кораш а дӀакъевлина дара дечигаца. 17 Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тӀехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тӀехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь, 18 каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХӀора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хӀора каруб-маликан шишша юьхь яра. 19 Цхьана агӀонгара хурма-диттана тӀе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агӀонгара – лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цӀийнахь массанхьа а дехкина дара. 20 Лаьттара дуьйна чуволучунна тӀехула йолчу меттигна тӀе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цӀийнан пенашна тӀехула дехкина а дара. 21 Делан цӀийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакӀов бара.
Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хӀума яра лаьтташ. ДӀахьаьжча, 22 иза дечигах бинчу сагӀа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьӀигаш а, бух а, агӀонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю».
23 Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неӀ яра. 24 И неӀарш шишша дакъа долуш яра, хӀора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агӀор, ткъа важа шиъ – вукху агӀор. 25 Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан неӀарш тӀехь дехкина, пенаш тӀехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра. 26 ДӀакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агӀор – ученан а, агӀонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агӀонашкахь.
42Динан дайшна лерина йолу чоьнаш
1 Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со. 2 И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш. 3 Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш. 4 Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе+ 42:4 *Ширачу грекийн гочдар тӀехь: *бӀе дол. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *цхьа дол.* дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра. 5 Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а. 6 Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел. 7 Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара. 8 Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара. 9 Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара. 10 Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа+ 42:10 *Грекийн гочдар тӀехь: *къилбехьа. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *малхбалехьа.*, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш. 11 Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а 12 къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.
13 Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш – кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а – хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела. 14 Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».
Делан цӀийнан кертан барам
15 Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира. 16 Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира. 17 Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира. 18 Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира. 19 Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира. 20 Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.
43Делан цӀа чу Везачу Элан сийлалла схьаяр
1 Цу стага со малхбалехьа дӀадерзийна лаьтташ долчу кевнна тӀе вигира. 2- 43:2 Яхьазкхиал 10:3, 4, 18, 19; 11:22, 23; Довзийтинарг 1:15. ТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. 3 Суна хӀоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хӀаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хӀоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хӀоьттинчу суьртех тера а дара. ТӀаккха со бертал вуьйжира. 4 Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дӀадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цӀа чу делира.
5 ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар. 6 Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цӀа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. 7 Оцу озо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара меттиг Сан Ӏаршан меттиг а, иштта Сан когийн кӀело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хӀара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цӀе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Ӏамал ярца а, шайн сагӀа доккхучу гунашна тӀехь шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а+ 43:7 *Шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а *– я иштта: *шайн беллачу паччахьашна зиярташ дарца а.*. 8 Цара шайн неӀсагӀа Сан неӀсагӀина улло хӀиттадора, иштта шайн неӀарш Сан неӀаршна улло хӀиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цӀе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хӀуманашца. Цундела Сайн оьгӀазвахарца дӀакхаьллира Аса уьш. 9 ХӀинца цара Суна уллора дӀадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Ӏамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тӀаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву.
10 Ткъа хӀинца ахьа, адаман кӀант, Исраилан халкъе дӀадийца хӀокху Делан цӀийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, цаьрга кхунна тӀера бустамаш дахийтархьама. 11 Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дӀагайта царна Делан цӀа, хӀара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дӀагайта царна. ХӀара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дӀабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дӀаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а. 12 ХӀара бу Делан цӀийнан товрат-хьехам: ломан боххьера цунна гонах мел дерг а – уггаре дезаниг ду. Иштта бу Делан цӀийнан товрат-хьехам!»
СагӀа доккху кхерч
13- 43:13-17 Арадаккхар 27:1, 2; 2 Шерашкахь 4:1. ХӀорш бу сагӀа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кӀорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хӀоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагӀа доккхучу кхерчан бух. 14 Лаьтта тӀехь болчу саьнгаран буха тӀера дуьйна лахарчу кхерчан хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хӀазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хӀазарна тӀера кхерчан лакхарчу хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хӀазаран шоралла а цхьа дол яра. 15 СагӀа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маӀа яра. 16 СагӀа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакӀов яра. 17 Кхерч тӀехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хӀоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хӀазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тӀе боьду лами малхбалехьарчу агӀор бара.
18- 43:18-27 Арадаккхар 29:35-37. Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагӀа даккхарна а, цунна тӀе цӀийн цинцаш тохарна а лерина долу сагӀа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча. 19 Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, Суна тӀегӀерташ болчу, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тӀера сагӀа даккха цхьа сту дӀало. 20 Цунах схьадаьллачу цӀийх цхьажимма сагӀа доккхучу кхерчан еа маӀана тӀе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хӀазарна тӀе а хьакха. Иштта, цӀан а бай, базбе иза. 21 Къинойх долчу сагӀина лерина старгӀа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цӀенна арахь. 22 ШолгӀачу дийнахь, тӀехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагӀа даккха цунах хьалха санна, сагӀа доккху кхерч цӀанбе, стараца ма-цӀанбарра. 23 Хьо и хӀума дина ваьлча, бежана юкъара цхьа а тӀехь сакхт доцу старгӀа а, иштта жена юкъара тӀехь сакхт доцу уьстагӀ а схьабалабе. 24 И дийнаташ Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаде. Динан дайша, царна тӀе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. 25 ВорхӀ дийнахь къинойх долу сагӀа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тӀехь сакхт доцу цхьацца старгӀа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тӀехь доцу уьстагӀ а балабе. 26 ВорхӀ дийнахь цара сагӀа доккху кхерч оцу тайпана цӀанбан беза, иза баз а беш. 27 И денош чекхдевллачул тӀаьхьа, борхӀалгӀачу дийнахь, иштта кхин а тӀаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дохур ду шуна тӀера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
44Малхбалерчу кевнехь дан тӀедиллинарг
1 Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дӀадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дӀакъевлина дара. 2 Везачу Эло соьга элира: «ХӀара ков дӀакъевлина хир ду, иза дӀадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хӀунда аьлча хӀокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана. 3 Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогӀур ву, цигахула ара а вер ву».
Делан цӀийнан керташкахь гӀуллакх дарна тӀедиллинарг
4 Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цӀенна хьалха схьавалийра. Со дӀахьаьжча, Делан цӀа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТӀаккха со бертал вуьйжира. 5 Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн дог тӀе а дерзадай, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа Ас Делан цӀийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цӀенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.
6 ДӀаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело. 7 Аша Сан цӀийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цӀенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тӀе сагӀанийн мохь а, цӀий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гӀуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. 8 Аша Сан деза парзаш лар ца дора, шайн метта Сан цӀа лардан уьш дӀа а хӀиттабеш’.
9 Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цӀа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а.
10 Ткъа левихойх лаьцна аьлча, Исраилан халкъ туьлучу хенахь уьш а, Суна уллора дӀа а бевлла, шайн цӀушна тӀаьхьа а хӀуьттуш, тилабелира. Шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду. 11 Левихой Сан цӀийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гӀуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кхидолчу сагӀанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гӀо а дийр ду, царна гӀуллакх а дийр ду. 12 Амма шайн цӀушна хьалха адамашна гӀуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чӀагӀо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таӀзар дийр ду аьлла. 13 Динан дай санна Суна гӀуллакх дан уьш Суна улло богӀур бац, иштта тӀекхевдар бац еза мел йолчу хӀуманашна – уггар дезачу сагӀанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хӀума бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар бу уьш. 14 Ас уьш хӀиттор бу Делан цӀа лардан а, цӀийнан керташкахь дан дезаш мел долу хӀума дан а.
15 Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦӀадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дӀадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гӀуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагӀанийн мохь а, цӀий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. 16 ‘Уьш бен чубогӀур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богӀур бу, Суна гӀуллакх дархьама а, ха дархьама а. 17- 44:17, 18 Арадаккхар 28:39-43; Ӏамалъяр 16:4. Чоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тӀе дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цӀа чохь а гӀуллакх дечу хенахь царна тӀехь тӀергӀан хӀума хила йиш яц. 18 Церан коьртахь дуткъачу кӀадих йина чалбанаш хила еза, иштта церан чухулара хӀуманаш а дуткъачу кӀадих йина хила еза. Шайна тӀе хьацар долуьйту хӀума юха ца еза цара. 19- 44:19 Ӏамалъяр 16:23. Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гӀуллакх дечу хенахь шайна тӀехь хуьлуш йолу бедарш дӀа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тӀаьхьа цара шайна тӀе кхин хӀума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тӀе йозалла ца йоссийта+ 44:19 *Адам езачу хӀуманех хьакхалахь, цунна зе дийр дара.*.
20- 44:20 Ӏамалъяр 21:5. Цара шайн кортош дӀадаша ца деза, иштта шайн коьртахь месаш яхъялийта а ца еза, амма шайн месаш дӀаларга еза цара. 21- 44:21 Ӏамалъяр 10:9. Шаьш чоьхьарчу керта доьлхучу хенахь, цхьанна а динан дас чагӀар мала ца деза. 22- 44:22 Ӏамалъяр 21:7, 13, 14. Цара я йисина йолу зуда а, я марера цӀа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоӀстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна.
23- 44:23 Ӏамалъяр 10:10. Цара Ӏамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цӀенаниг боьхачух схьакъасто а. 24 Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.
25- 44:25 Ӏамалъяр 21:1-4. Уьш беллачарах дӀахьакхабала ца беза, шаьш Суна хьалха боьха ца хилийтархьама. Царна юкъахь да я нана, кӀант я йоӀ, иштта ваша я маре яхаза йолу йиша елахь, царах дӀахьакхавала мегаш ду. 26 Динан да Далла хьалха цӀанвинчул тӀаьхьа, цо кхин а ворхӀ дийнахь собар дан деза. 27 Делан цӀийнан чоьхьарчу кертахь гӀуллакх дан ша кхин а цига ваханчу дийнахь шена тӀера цо къинан сагӀа даккха деза’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
28- 44:28 Лелар 18:20. ‘Левихошна шерет дийр ду: Со церан шерет хир ду. Исраил-махкахь церан лаьттан дакъа хир дац, церан долахь Со хир волу дела. 29- 44:29, 30 Лелар 18:8-19. Царна даа кӀен сагӀанаш а, иштта къинан сагӀанаш а, гӀуда такхаран сагӀанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хӀума церан долахь хир ю. 30 Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгӀаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хӀусамаш декъалйина хилийтархьама. 31- 44:31 Ӏамалъяр 22:8. Цхьа а тайпа къеелла хӀума а, акхароша йийначу хӀуманах я олхазарийн а, я дийнатийн а жижиг даа йиш яц динан дайн’“».
45Везачу Элан деза дакъа
1 «Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол+ 45:1 *Грекийн гочдар тӀехь: *ткъа эзар дол. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *итт эзар дол.* хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду. 2 Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза. 3 Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза. 4 И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. 5 Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю+ 45:5 *Иштта ду грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь иштта дӀаяздина ду: *Церан долахь ткъа чоь хир ю.*.
6 ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
7 Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду. 8 И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду».
Элах лаьцна дерг
«Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха». 9 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
10- 45:10 Ӏамалъяр 19:36. «Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а.
11 Екъа хӀума узуш лелош болу мазал а, коча хӀума узуш лелош долу черма а цхьана барамехь хила деза. Цхьа мазал хьумаран+ 45:11 *Хьумар *– цхьа хьумар ши бӀе ткъа литр озаран барам бу.* уьтталгӀа дакъа хила деза, ткъа цхьа черма а хьумаран уьтталгӀа дакъа. Церан барам хьумарца буста беза.
12 ХӀора шекхал чохь ткъа гер+ 45:12 *Гер *– цхьа гер 0.6 грамм озаран барам бу.* хуьлу, ткъа цхьана мин+ 45:12 *Мин *– цхьа мин 500 грамм озаран барам бу.* чохь ткъа, ткъе пхиъ, пхийтта шекхал хуьлу.
13 ХӀара ял ю аша шайн элана яла езаш: хӀора кӀен я мекхан хьумар тӀера мазалан йолхалгӀа дакъа. 14 Зайтдаьттанна тӀера дӀаяла езаш йолу ял, черманца узуш йолу: хӀора зайтдаьттан хьумар тӀера черманан уьтталгӀа дакъа (итт черма цхьа хьумар ду). 15 Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тӀехь долчу даьхнина тӀера дӀаяла езаш йолу ял иштта ю: хӀора ши бӀе уьстагӀна юкъара цхьацца уьстагӀ. И массо а ял кӀен сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, бертан сагӀанашна а лерина ю, адамашна тӀера къинош дӀадахархьама». Иштта боху Везачу Эло.
16 «Махкахь Ӏаш волу хӀора стаг декхарийлахь ву Исраил-мехкан элана луш йолчу оцу йолана дакъалаца. 17 Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цӀинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна хӀуманаш а, даьхни а дӀадала. Цо даьхни а, хӀуманаш а лур ю къинойх долчу а, кӀен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанашна, Исраилан халкъана тӀера къинош дӀадахийтархьама».
Деза денош
(Арадаккхар 12:1-20; Ӏамалъяр 23:33-43)
18 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама. 19 Динан дас оцу къиношна тӀерачу сагӀанах схьадаьлла цӀий схьа а эцна, иза Делан цӀийнан неӀсагӀанашна а, иштта сагӀа доккхучу кхерчан лакхарчу хӀазаран еа маьӀигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неӀсагӀина а тӀетоха деза. 20 Изза де беттан ворхӀалгӀачу дийнахь хӀора ларамаза я кхетам ца хиларца къа латийначу стеган дуьхьа. Иштта цӀандан деза аша Делан цӀа.
21- 45:21 Арадаккхар 12:1-20; Лелар 28:16-25. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь аша „ Пасахь“ олу дезде даздан деза. И дезде ворхӀ дийнахь даздеш ду, совсазчу бедах дина бепиг а дууш. 22 Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цӀарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цӀарах а къинан сагӀина лерина. 23 Цу ворхӀ дийнахь Везачу Элана доккхуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цо хӀора дийнахь тӀехь цхьа а сакхт доцу ворхӀ-ворхӀ старгӀа а, ворхӀ-ворхӀ уьстагӀ а дӀабала беза, иштта къинойх доккхуш долчу сагӀина хӀора дийнахь гезаршна юкъара цхьацца бож а дӀаяла еза. 24 Эло хӀора стараца а, иштта хӀора уьстагӀца а кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа дан деза. Цо иштта хӀора ша деанчу кӀен мазалца цхьацца хӀин+ 45:24 *ХӀин *– цхьа хӀин йиъ литр барамехь бара.* зайтдаьтта а дан деза.
25- 45:25 Ӏамалъяр 23:33-36; Лелар 29:12-38. ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, дезде даздечу хенахь, тӀекӀел ворхӀ дийнахь цо изза хӀуманаш дӀаяла еза къинойх сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кӀен сагӀанашна а лерина. Цо иштта оццу барамехь зайтдаьтта а схьадан деза».
461 Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дӀакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цӀинлучу дийнахь санна, дӀадиллина хила деза. 2 Эла, арахьарчу кертахула чухуларчу кевнан ученна чу а веана, оцу кевнан неӀарна улло дӀахӀуттур ву, ткъа динан дайша элан дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохур ду. Эла, кевнан неӀ йолчохь Везачу Элана охьа а таьӀна, аравер ву, ткъа ков сарралц схьадиллина хила деза. 3 Шоьтан деношкахь а, иштта бутт цӀинлучу хенахь а кху мехкан халкъ хӀокху кевнна уллохь Везачу Элана суждане гӀур ду. 4 Шоьтан дийнахь ша Везачу Элана лерина доккхуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина эло бан беза шайна тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а, цхьа уьстагӀ а. 5 Иштта хӀора уьстагӀца кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа а дан деза, ткъа хӀора Ӏахарца кхин а шен дан йиш йолччул кӀа а дан деза, цу тӀе хӀора мазал кӀеца цхьа хӀин зайтдаьтта а дан деза. 6 Бутт цӀинлучу хьалхарчу дийнахь цо тӀехь цхьа а сакхт доцу старгӀа а, иштта тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а бан беза. 7 Цо старгӀица а, уьстагӀца а цхьаьна цхьа мазал кӀа дала деза кӀен сагӀина лерина. Ӏахаршца шен дала таро йолччул кӀа а дала деза цо, кхин а хӀора кӀен мазалца цхьа хӀин зайтдаьтта а дала деза. 8 Ша кхуза вогӀучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза.
9 Динан дезачу деношкахь, адам Везачу Элана хьалха дӀахӀуттучу хенахь, къилбаседехьа долчу арахьарчу кевнехула чуваьлларг, къилбехьа долчу арахьарчу кевнехула аравала веза. Ткъа къилбехьа долчу кевнехула чувеанарг, къилбаседехьа долчу кевнехула аравала а веза; хӀорра а стаг ша чувеанчу меттехула аравала ца веза, амма цунна дуьххьал долчу кевнехула аравала веза. 10 Эла а царна юкъахь хила веза – уьш чубогӀучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза. 11 Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хӀора стараца а, хӀора уьстагӀца а цхьацца мазал кӀа дан деза, ткъа Ӏахаршна тӀера шен дог реза доллучул кӀа дала деза цо. ХӀора мазал кӀа дахьаш, цуьнца цхьа хӀин зайтдаьтта дан а деза.
12 Элана шен лаамца Везачу Элана сагӀа даккхийта лиъча, – дийнаташ дагоран я бертан сагӀа иза делахь а, – цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТӀаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагӀа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тӀаьхьа цунна тӀаьхьа ков дӀакъовлур ду.
13 ХӀора дийнахь Везачу Элана лерина долчу дийнаташ дагоран сагӀина хӀора Ӏуьйранна шо кхаьчна болу тӀехь сакхт доцу цхьацца Ӏахар бан беза ахьа. 14 Цуьнца цхьаьна хӀора Ӏуьйранна цхьацца сахь кӀа а, иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа зайтдаьтта а дан деза, цуьнца дама хьакхорхьама. Иштта ду кӀен сагӀанах лаьцна массо а ханна тӀедиллинарг. 15 Цара иштта массо а ханна хӀора Ӏуьйранна дийнаташ дагоран сагӀа санна цхьацца Ӏахар а, кӀен сагӀа а, зайтдаьтта а дахьар ду».
16 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Нагахь санна эло шен кӀентех цхьанна шен долахь долчу лаьттах цхьа дакъа совгӀатна дахь, иза цу кӀентан тӀаьхьенна кхочур ду. Иза церан долахь, доьзалан дакъа санна, хир ду. 17- 46:17 Ӏамалъяр 25:10. Нагахь эло шен долахь долчу лаьттах шен ялхойх цхьанна совгӀат дахь, и латта ялхочун долахь хир ду ПаргӀатдаккхаран шо тӀекхаччалц, цул тӀаьхьа лаьттан и дакъа элан дола дер ду. Цуьнан кӀенташна бен ца кхочу шен лаьттах цо дина долу совгӀат. 18 Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тӀера дӀалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кӀенташна совгӀатна, хӀунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тӀера дӀалалла бакъо яц цхьаннан а».
Делан цӀа чуьра яа хӀума кечъеш йолу чоьнаш
19 ТӀаккха цу стага со кевнна агӀонгахь чуволийла йолчу меттехула динан дайн къилбаседехьа дӀаерзийна лаьттачу езачу чоьнаш чу вигира. Цигахь малхбузехьарчу агӀор йистехь йолу цхьа меттиг гира суна. 20 Цо соьга элира: «Кхузахь динан дайша гӀуда такхаран а, къинан а сагӀанашна деанарг кхехкор ду, иштта кӀен сагӀина деанарг а доттур ду, цаьрга арахьарчу керта иза ца даккхийтархьама а, иштта халкъ даздина ца хилийтархьама+ 46:20 *Халкъ даздина ца хилийтархьама *– нагахь санна, динан да а воцуш, адам оцу даздинчу сагӀанашца цхьаьна нисделча, цунна зе хир дара.* а».
21 Цо со, арахьарчу керта а ваьккхина, цуьнан еа а маьӀӀе вигира. ХӀора маьӀӀехь кхин а жима керт яра. 22 ХӀора маьӀӀерчу кертахь шовзткъа дол йохалла а, ткъе итт дол шоралла а долуш рагӀуш дара. Уьш дерриш а цхьана барамехь дара. 23 Оцу деа а рагӀуна гонах дина пенаш дара, ткъа пенашна уллохь гобаьккхина дина кхерчаш дара. 24 Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчара чохь халкъо деана сагӀанаш кхехко деза чоьнаш ю хӀорш».
47Делан цӀенна бухара арадолу хи
1- 47:1 Закри-ЯхӀу 14:8; Яхьъя 7:38; Довзийтинарг 22:1. Цул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара. 2 Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дӀадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогӀу жима татол. 3 И стаг малхбалехьа дӀавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тӀийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дӀаюьстира, тӀаккха со цу хи чухула дӀавигира. И хи сан хьакхолгана тӀе кхочура. 4 Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гӀодаюккъе кхочура. 5 Кхин а цхьа эзар дол дӀаюьстира цо, амма хӀинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хӀунда аьлча хи чӀогӀа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кӀорга дара и хи. 6 Цул тӀаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бӀаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кӀант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра. 7 Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агӀор дуккха а дитташ гира суна.
8 Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду. 9 И хи дӀа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хӀора са долу хӀума дика ехар ю. Цу хӀорда чохь дуккха а чӀерий а хир ду, хӀунда аьлча и хи, массанхьа а хӀуманаш цӀан а еш, царна дахар а луш, цу хӀордах дӀакхетта. 10 Ӏейн-ГӀадера дуьйна Ӏейн-Ӏеглайме кхаччалц хин бердашкахь чӀерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чӀерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хӀордана чохь санна. 11 Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Ӏаьмнаш а цкъа а цӀанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду. 12- 47:12 Довзийтинарг 22:2. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тӀе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тӀера гӀаш цкъа а маргӀал а доьр дац. Царна тӀера стом кхачалур бац, хӀора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хӀунда аьлча царна тӀекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тӀера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гӀаш дарбанна лелор ду».
Лаьттан дозанах лаьцна
13 Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду). 14 Хьалаайинчу куьйгаца Аса шун дайшна чӀагӀо ярца лур ду аьлла и латта шайна юкъахь цхьатеррачу дакъошкахь декъа деза аша. ХӀара латта хӀинца шуна шерет санна кхочур ду.
15 ХӀара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хӀордана тӀера дӀадолало, тӀаккха Хьетлонехула, Хьаматан Ӏин+ 47:15, 16 *Ширачу грекийн гочдар тӀехь: *...Хьаматан Ӏин тӀе дӀакхочу. Цигара дӀа Цедад-гӀала... *Ӏебархойн тептар тӀехь: *...Цедадан Ӏин тӀе дӀакхочу. Цигара дӀа Хьамат-гӀала...* тӀе дӀакхочу. 16 Цигара дӀа Хьамат-гӀала а, Берата-гӀала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тӀекхочу. Цигара дӀа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тӀе кхочу. 17 Иштта, лаьттан къилбаседера доза хӀордана тӀера дуьйна Дамасакхан кӀоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Ӏейнана тӀехь хир ду, цигара дӀа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гӀала лаьттачу меттигца а хир ду.
18 Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалӀадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дӀадоьду малхбалехьа болчу хӀордана тӀе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду.
19 Къилбехьа долу доза Тамарина тӀера Мериба-Кхадеш цӀе йолчу шовданна тӀе кхаччалц дӀагӀур ду, цул тӀаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀагӀур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду.
20 Малхбузехьарчу агӀор дозанна метта Дуьненаюккъера хӀорд хир бу, Хьаматан Ӏинна дуьхьал йолчу меттигна тӀе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.
21 И латта, Исраилан халкъан тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀасадекъа. 22 И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу. 23 И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
48Тайпанашна юкъахь латта декъар
1 «ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду. 2 Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду. 3 Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза. 4 Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза. 5 Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза. 6 Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза. 7 Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду».
Лаьттан езачу кӀоштах лаьцна
8 «ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду.
9 Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь – ткъа эзар дол+ 48:9 *Ширачу грекийн гочдар тӀехь: *ткъа эзар дол. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *итт эзар дол.* хир ду. 10 Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза. 11 И латта Суна къобалбинчу а, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дӀало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дӀа ца бевлира, левихой ма-бовллара. 12 И латта, левихойн лаьттан декъана уллохь а долуш, церан долахь хир ду, ткъа лаьттан езачу кӀоштахь иза чӀогӀа деза дакъа хир ду. 13 Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кӀоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кӀоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла – итт эзар дол хир ду. 14 Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду.
15 Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гӀалин дола а даьккхина, дӀалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тӀехь адамаша гӀишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гӀала цу лаьттана юккъехь хир ю. 16 ГӀалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агӀо диъ эзар пхи бӀе дол, къилбехьа йолу агӀо – диъ эзар пхи бӀе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агӀонаш – диъ эзар пхи бӀе дол хила еза. 17 ГӀалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агӀор ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю. 18 Лаьттан езачу кӀоштан йистошкахь йисина меттиг – итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а – гӀаларчу белхалошна даа хӀума кхио лерина хир ю. 19 Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь.
20 Дерриг и схьакъастийна долу латта деакӀов хила деза – ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогӀуш хир ю лаьттан еза кӀошт а, гӀала тӀехь йолу латта а.
21 Лаьттан езачу кӀоштана а, гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кӀоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кӀоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кӀошт хир ю, чохь Делан цӀийнан еза меттиг йолу. 22 Иштта, левихойн латта а, гӀалина дӀаделла латта а – элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.
23 Ткъа кхечу тайпанашна латта иштта дӀадекъа деза: малхбалехьара малхбузе кхаччалц цхьа дакъа Бен-Яманна кхочу. 24 Бен-Яманан дозанна тӀера малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ШимӀин тайпанна кхочур ду. 25 ШимӀин дозанна тӀера малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Иссарханна кхочу. 26 Иссарханан декъана тӀера малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Забулана кхочу. 27 Забулан декъа тӀера малхбалехьа йолчу йистана тӀера малхбузехьа йолчу йистана тӀе кхаччалц долу цхьа дакъа Гадина кхочу.
28 Гадин къилбехьа долу доза, къилбехьа йолчу Тамарина тӀера дуьйна Мериба-Кхадеш олучу шовданна тӀе а кхаьчна, цигара Мисар-мехкан дозанехь долу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхочу.
29 Иза ду аша исраилхойн тайпанашна юкъахь, кхаж а тосуш, дӀадекъа дезаш долу латта, церан лаьттан дакъош а хӀорш ду», – боху Хьалдолчу Эло.
Ярушалайман кевнаш
30- 48:30-34 Довзийтинарг 21:12, 13. «ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю. 31 ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду. 32 Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах. 33 Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах. 34 Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду. 35 ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».