Дала Исраилан халкъ Мисар-махкара

арадаккхар

Дешхьалхе

Арадаккхар цӀе йолу хӀара тептар – Исраилан халкъан хиламашкахь уггар лараме долчух лаьцна ду: исраилхой лоллехь хиллачу Мисар-махкара арабовларх. Тептар деа декъе декъало: 1) Ӏебархой лоллера паргӀатбахар (кортош 1-15); 2) Синай-лам болчу уьш боьлху некъ (кортош 15-18); 3) Дала Шен халкъаца барт бар, царна оьздангаллин а, динан а хьехамаш балар (кортош 19-24); 4) исраилхошна Далла Ӏибадат дан меттиг кечъяр а, динан дайшна а, Далла Ӏамалъярна а болу хьехамаш (кортош 25-40).

Уггар хьалха хӀокху тептар тӀехь Дала мел динарг дуьйцуш ду, лоллехь хилла Шен халкъ Ша паргӀат а доккхуш, цунах хиндолчуьнга сатийсар долуш долу къам а кхуллуш.

Тептаран уггар лараме стаг Муса ву. И стаг, Шен халкъ Мисар-махкара арадаккхархьама, Дала хаьржина хилла. Уггар дика девзаш долу тептаран дакъа ткъолгӀачу коьрта тӀехь болу итт хьехам бу.

1

Исраилхой Мисар-махкахь Ӏаш бу

1- 1:1-4 Доладалар 46:8-27. Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: 2 Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, 3 Иссархан, Забул, Бен-Яман, 4 Дан, Наптал, Гада, Ашар. 5 Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.

6 Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дӀабевллера. 7- 1:7 Векалийн 7:17. Ткъа Исраилан тӀаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.

8- 1:8 Векалийн 7:18. Юха Мисар-махкахь керла пирӀун+ 1:8 *ПирӀун *– Мисар-мехкан паччахь.* хӀоьттира, цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара. 9 Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. 10- 1:10 Векалийн 7:19. Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тӀом балахь, уьш вайн мостагӀех дӀа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дӀагӀур бу». 11 Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто. 12 Амма оцу халкъана тӀехь гӀело мел йо а, иза тӀеттӀа дебара, цу махкахула дӀасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. 13 Цундела кхин а чӀогӀа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. 14 Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.

15 Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гӀо деш яра Шапарат а, ПуӀа а цӀераш йолу ши зуда. ПирӀуно омра дира цаьрга: 16 «Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», – аьлла. 17 Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирӀуно бохург ца дора, цара кӀентий дийна буьтура. 18 ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хӀун ду аша деш дерг? КӀентий дийна хӀунда буьту аша?»

19 Шина зудчо пирӀуне элира: «Ӏебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тӀекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан». 20 Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Ӏебархойн халкъ тӀеттӀа алсамдолуш дара. 21 Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира. 22- 1:22 Векалийн 7:19. ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», – аьлла.

2

Муса дуьнен чу валар

1 Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. 2- 2:2 Векалийн 7:20; Ӏебархошка 11:23. Доьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо. 3 Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо. 4 Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу.

5 Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца. 6 Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду».

7 Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо».

8 ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета».

Вукхо кӀентан нана схьаялийра. 9 ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира.

10- 2:10 Векалийн 7:21. КӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса+ 2:10 *Муса *– хӀокху цӀеран маьӀна Ӏебархойн маттахь «схьаваьккхинарг» бохург делахь а, мисархойн маттахь иза, схьахетарехь, «кӀант» бохург ду.* тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.

Муса маданхойн махка вадар

11- 2:11-14 Векалийн 7:23-28. - 2:11 Ӏебархошка 11:24. Цул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ. 12 ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас. 13 ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?»

14 «Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» – элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. 15- 2:15 Векалийн 7:29; Ӏебархошка 11:27. И гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса.

Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь, 16 тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало. 17 Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра. 18 Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?»

19 Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо».

20 Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо».

21 Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга. 22 Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.

23 Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. 24- 2:24 Доладалар 15:13, 14. Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. 25 Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.

3

Дала Муса къобалвар

1 Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран+ 3:1 *Итар *– РаӀал аьлла, кхин цӀе а яра цуьнан.*, уьстагӀий дажош вара Муса. Цкъа уьстагӀий дажош, генна яьссачу арахула дӀавахна, Хьариб цӀе йолчу Делан лам тӀе кхечира иза. 2- 3:2-10 Векалийн 7:30-34. Везачу Элан Малик дуьхьалхӀоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цӀе леттера. ЦӀе леттехь а, йогуш яцара и колл. 3 Мусас элира: «ТӀеваха веза со оцу инзаречу хӀумане хьажа. Колл хӀунда ца йогу?»

4 Муса тӀевогӀуш Шена гича, Веза Эла+ 3:4 *Веза Эла *– кхузахь Везачу Элан Малик а, Веза Эла а цхьаъ ду.* кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!»

«Со кхузахь ву!» – элира Мусас.

5 Дала элира: «ТӀе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дӀаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду. 6 Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.

7 Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. 8 ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ. 9 Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина. 10 ХӀинца Ас хьо пирӀунна тӀе вохуьйту. Ваха а гӀой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».

11 Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирӀунна тӀеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»

12 Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хӀара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тӀехь Суна Ӏамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».

13- 3:13 Арадаккхар 6:2, 3. Юха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тӀе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тӀе“. Цара соьга хоттур ду: „ХӀун ю Цуьнан цӀе?“ ТӀаккха, хӀун ала деза ас цаьрга?»

14- 3:14 Довзийтинарг 1:4, 8. Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“». 15 Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло+ 3:15 *Веза Эла *– ма-дарра аьлча, Ӏебархойн маттахь долу хӀара ши дош «Ша волуш Верг» боху маьӀна долуш ду.*, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь+ 3:15 *Абадехь *– даима.*, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша. 16 Ваха а гӀой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. 17 Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.

18 Исраилхойн къаноша хьоьга ладугӀур ду. Уьш а эций, пирӀунна тӀегӀо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Ӏебархойн Дела, веана тхо долчу. ДӀахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дӀа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагӀа даккха дезаш ду тхо“. 19 Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. 20 Ас, Мисарна тӀехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хӀуманаш гойтур ду цу махкахь, тӀаккха цо шу дӀахоьцур ду.

21- 3:21, 22 Арадаккхар 12:35, 36. Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац. 22 ХӀора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Ӏаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хӀума а, еза тӀеюху хӀума а еха еза. Цу хӀуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дӀахьур ду».

4

1 ТӀаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?»

2 Везачу Эло хаьттира: «И хӀун ю хьан карахь ерг?»

Мусас жоп делира: «Сан некъан Ӏаса ю-кх».

3 «Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Ӏаса охьакхоьссира – гӀожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дӀаведира Муса. 4 Везачу Эло элира: «Куьг дӀа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цӀога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Ӏаса хилира. 5 «Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло.

6 Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кӀайн хьаьттарш тӀехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. 7 «ХӀинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. 8 «Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгӀачу билгалонах тешар бу. 9 Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цӀий хир ду», – элира Везачу Эло.

10 ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».

11 Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? 12 ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».

13 Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».

14 Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. 15 Ахьа шега аьлларг цо дӀаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Ӏамор ду шуна аша дан дезарг. 16 Хьан метта АхӀарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. 17 И Ӏаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хӀуманаш гойтур ду ахь».

Муса Мисар-махка юхаверзар

18 Шен стундена Итарна тӀе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тӀеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа».

«Дика ду, гӀой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», – элира Итара.

19 Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хӀунда аьлча хьо вен гӀерташ хилларш белла дӀабевлла». 20 Шен зуда а, кӀентий а вир тӀе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Ӏаса буьйна а лаьцна.

21 Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хӀуманаш пирӀунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха цо халкъ дӀахоьцур дац. 22 ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. 23- 4:23 Арадаккхар 12:29. Ас боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан кӀант, иза Суна Ӏибадат дан дезаш ву. Ахь иза дӀа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кӀант вуьйр ву’“».

24 Новкъахь дӀавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тӀевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара. 25 ТӀаккха Ципарас, тӀулгах дина урс схьа а эцна, шен кӀант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех+ 4:25 *Мусан когех *– я иштта: *цуьнан когех.* а хьаькхна, цо элира: «Ас и цӀий Ӏанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву». 26 Веза Эла дӀавахара, Мусана+ 4:26 *Мусана *– я иштта: *цунна.* хӀумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цӀийца волу майра», хӀунда аьлча шен кӀант сунтвинера цо.)

Дала АхӀарон Мусана дуьхьал вахийтар

27 Везачу Эло АхӀароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гӀо». ДӀавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхӀарона. 28 Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хӀуманех лаьцна а АхӀароне дӀадийцира Мусас. 29 Мусас а, АхӀарона а, дӀа а вахана, исраилхойн къаной гулбира. 30 Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дӀадийцира АхӀарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хӀуманаш гайтира. 31 Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара+ 4:31 *Суждана бахара *– цхьанна хьалха кӀоргга, лаьтта кхаччалц охьатаӀар.* уьш.

5

Муса а, АхӀарон а пирӀун волчу воьду

1 Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“».

2 Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац».

3 Цу шиммо элира: «Ӏебархойн Дала тӀекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дӀадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагӀа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хӀаллак ца дайта».

4 ПирӀуно элира цаьрга: «Муса, АхӀарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДӀа а гӀой, шайн гӀуллакх де». 5 Кхин а элира цо: «ХӀокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш».

6 Оццу дийнахь исраилхошна тӀехӀиттийна болчу нахе пирӀуно омра дира: 7 «ХӀинца чул тӀаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча. 8 Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, – бохуш. 9 Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».

10 ТӀехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирӀуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху. 11 Даха а гӀой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».

12 Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой. 13 ТӀехӀиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хӀора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга. 14 ПирӀунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хӀунда ца йо аша?» – бохуш.

15 Оцу исраилхоша, пирӀунна тӀе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хӀунда бойту ахь? 16 Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТӀехӀиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду».

17 Амма пирӀуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагӀа даккха гӀур ду тхо“. 18 ДӀа а гӀой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». 19 «ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна.

20 ПирӀун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхӀарон а гира царна. 21 Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта».

22 Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти? 23 ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».

6

1 ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХӀинца гур ду хьуна Ас пирӀунна дендерг. Онда куьг шена тӀехь хааделча, цо дӀахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».

Дала Муса юха а къобалвар

2- 6:2, 3 Доладалар 17:1; 28:3; 35:11; Арадаккхар 3:13-15. Юха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву. 3 ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац. 4 Ас барт бина цаьрца, КанаӀанан латта царна дӀалур ду аьлла. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара. 5 Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна. 6 Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш. 7 Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тӀаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Ӏазапах кӀелхьардаьхна волу. 8 Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“». 9 Мусас и дерриг а исраилхошна дӀадийцира, амма цара ла ца дуьйгӀира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна.

10 ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: 11 «Мисаран паччахь волчу пирӀунна тӀе а гӀой, исраилхой шен махкара дӀабахийта ала цуьнга».

12 Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогӀа, пирӀунна-м муххале а луур дац. Цу тӀе сан къамел говза а дац».

13 Мусаца а, АхӀаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тӀедиллира Исраилан халкъаца а, пирӀунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тӀедожийра Цо.

Мусан а, АхӀаронан а дай

14 Мусан а, АхӀаронан а дайн тӀаьхьенаш хӀорш яра:

Исраилан хьалхарчу кӀентан цӀе Раабан яра. Раабанан кӀентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.

15 ШимӀин кӀентий бара Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул. Царах ШимӀех схьадевлла гаранаш хилира.

16- 6:16-19 Лелар 3:17-20; 26:57, 58; 1 Шерашкахь 6:16-19. Леви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 17 ГӀиршанан кӀентий бара Ливани а, ШамаӀи а.

18 КхахӀат бӀе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара Ӏамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Ӏузиал а.

19 Мерарин кӀентий бара Махьли а, Мушхьи а.

Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тӀаьхьенаш яра.

20 Ӏамрам бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кӀант вара – АхӀарон а, Муса а.

21 Ицхьаран кӀентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.

22 Ӏузиалан кӀентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.

23 АхӀарона Ӏамминадабан йоӀ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхӀаронна вира Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а.

24 Кхорахьан кӀентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.

25 АхӀаронан кӀанта ЭлиӀазара Путиалан йоӀарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиӀазарна Пайнехьас вира.

Левин тӀаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца.

26 АхӀарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара. 27 Цара аьллера Мисаран паччахье, пирӀуне, исраилхой Мисар-махкара дӀабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхӀарон а.

28 Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира. 29 Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирӀуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дӀаала».

30 Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугӀур дуй те пирӀуно?»

7

1 Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву. 2 Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла. 3- 7:3 Векалийн 7:36. Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас. 4 Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. 5 ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».

6 Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. 7 Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.

АхӀаронан Ӏаса

8 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 9 «Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу». 10 ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Ӏасанах лаьхьа хилира. 11 ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира. 12 Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш. 13 ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.

Хьалхара таӀзар: цӀий

14 ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца. 15 Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций. 16 Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга. 17- 7:17 Довзийтинарг 16:4. Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду. 18 Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».

19 Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».

20 Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира. 21 Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара. 22 Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо. 23 Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза. 24 Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.

25 ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.

8

ШолгӀа таӀзар: пхьидарчий

1 Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гӀой, пирӀуне Везачу Эло боху ала: „ДӀахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Ӏибадат дайта. 2 Нагахь хьо иза дӀахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. 3 Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цӀа чу а, хьо дӀавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цӀенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. 4 Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тӀехула лелар ю пхьидарчий“».

5 Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». 6 АхӀарона шен куьг Мисаран хиш тӀехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дӀалецира. 7 Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тӀе ехира.

8 ПирӀуно, Мусага а, АхӀароне а тӀе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доӀа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дӀаяха алий. ТӀаккха ас Исраилан халкъ дӀахоьцур ду, Везачу Элана сагӀа даккхийтархьама».

9 Мусас элира пирӀуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доӀа дан, пхьидарчий шун цӀенош чуьра дӀа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»

10 ПирӀуно элира: «Кхана».

ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта. 11 Хьо волчуьра а, хьан цӀеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дӀаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц». 12 Муса а, АхӀарон а пирӀун волчуьра дӀавахара. Мусас Везачу Эле доӀа дира, пхьидарчий дӀаяха аьлла. 13 Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура. 14 Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дӀалецира берриг а мохк. 15 ПаргӀато яьллийла а гина, шен дог чӀагӀдира пирӀуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгӀира цо Мусага а, АхӀароне а.

КхозлагӀа таӀзар: кегийра чуьркаш

16 Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхӀароне ала, шен Ӏаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дӀалаьцна кегийра чуьркаш хир ю». 17 Иштта дан а дира цара. АхӀарона шен Ӏаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тӀехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира. 18 Бозбунчаш а гӀоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гӀуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тӀехь яра. 19- 8:19 Лака 11:20. ТӀаккха бозбунчаша пирӀуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чӀагӀделла Ӏачу пирӀуно цаьрга ла ца дуьйгӀира, Везачу Эло ма-аллара.

ДоьалгӀа таӀзар: жӀаьлийн мозий

20 Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна хьалха хӀотта. Иза хин йисте гӀур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Ӏибадат дайта Сан халкъ дӀахеца. 21 Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тӀе а, хьан цӀенош чу а жӀаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цӀенош а, уьш тӀехь Ӏаш болу латта а жӀаьлийн мозех дузур ду. 22 Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. 23 Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю+ 8:23 *Кхечу тептарш тӀехь яздина ду *– Сан халкъ хьайчух шен кӀелхьардаларца къаьсташ хир ду.*. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“». 24 Везачу Эло иштта дан а дира. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а цӀеношка жӀаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хӀаллакбеш бара берриг а мохк.

25 Мусай, АхӀаронний тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, кху лаьтта тӀехь шайн Далла сагӀа даккха».

26 Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагӀа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагӀа церан бӀаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тӀулгаш деттар дац цара? 27 Кхаа денна яьссачу ара дӀа а дахана, тхайн Везачу Далла сагӀа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».

28 ПирӀуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагӀа даккха, амма гена дӀа ма гӀо. Сох лаций доӀа а де».

29 Мусас элира: «Хьо волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дийр ду ас, тӀаккха кхана пирӀун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жӀаьлийн мозий дӀадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагӀа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».

30 ПирӀун волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дира Мусас. 31 Мусан доӀанна жоп делира Везачу Эло. ПирӀун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дӀадехира Цо, цхьа а ца буьтуш. 32 Амма юха а шен дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.

9

ПхоьалгӀа таӀзар: даьхни тӀехь цамгар

1 Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта’. 2 Нагахь санна дӀахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь, 3 Везачу Эло шен таӀзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тӀе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагӀашна, гезаршна тӀе даьӀнаш долу луьра ун кхетар ду. 4 Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». 5 Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тӀехь».

6 ШолгӀачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хӀумма а ца хилира. 7 ПирӀуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.

ЯлхалгӀа таӀзар: наткъарш

8 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирӀунна а гуш. 9 Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гӀаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». 10- 9:10 Довзийтинарг 16:2. Пешара юкъ а эцна, пирӀунна хьалха хӀоьттира Муса а, АхӀарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тӀехь чевнаш хӀиттира, ноткъа а йолуш. 11 Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хӀунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тӀехь чевнаш йолуш бара. 12 Амма Везачу Эло чӀагӀдинера пирӀунан дог, цо ла ца дуьйгӀира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.

ВорхӀалгӀа таӀзар: къора

13 Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна тӀе а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта. 14 ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта. 15 Сан куьг шуна тӀехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тӀера дӀадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. 16- 9:16 Римхошка 9:17. Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тӀехь массо а адамна Сайн цӀе йовзийта. 17 Амма хьо хӀинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дӀа ца хоьцуш. 18 Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. 19 Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тӀе къора а кхетта, уьш хӀаллакьхир ду’“». 20 Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирӀунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цӀеношкахь дӀагулдира. 21 Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тӀе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.

22 Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю». 23 Мусас шен Ӏаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тӀе къора туьйхира Везачу Эло. 24- 9:24 Довзийтинарг 8:7; 16:21. Къора яра схьайогӀуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тӀе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чӀогӀа къора яра иза. 25 Арахь дерг адамна тӀера даьхнина тӀе кхаччалц хӀаллакдира къорано, буц а дӀаяьккхира, дитташ а кегдира. 26 Амма исраилхой Ӏаш болчохь, ГӀашанахь, къора ца туьйхира.

27 Мусага а, АхӀароне а схьа а кхайкхина, пирӀуно элира: «ХӀинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду. 28 ДоӀа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дӀадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».

29 Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. 30 Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хӀинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».

31 Вета а, мукх а хӀаллакдинера, хӀунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хӀу теснера. 32 ТӀаьхьа кхуьуш долу дела, кӀена хӀумма а ца хиллера.

33 ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра. 34 ДогӀа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирӀуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. 35 Дог а чӀагӀдина, исраилхой дӀа ца хийцира пирӀуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.

10

БорхӀалгӀа таӀзар: цӀоз

1 Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. 2 Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».

3 Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта. 4 Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду. 5 Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо. 6 Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.

7 ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»

8 ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»

9 «Берриш а гӀур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».

10 ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь. 11 Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.

12 ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо». 13 Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара. 14- 10:14, 15 Довзийтинарг 9:2, 3. Инзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац. 15 Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.

16 Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас. 17 Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий». 18 ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас. 19 Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда+ 10:19 *Эрзан хӀорд *– таханлерчу дийнахь иза, схьахетарехь, ЦӀен хӀорд бу.* чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира. 20 Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.

УьссалгӀа таӀзар: бода

21 Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу». 22- 10:22 Забур 105:28; Довзийтинарг 16:10. Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира. 23 Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.

24 Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».

25 Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха+ 10:25 *Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха *– я иштта: *Ахь-айхьа ло тхуна сагӀина яла езарг, тхайн Везачу Далла оха сагӀа доккхуш.*. 26 Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».

27 Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира. 28 ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».

29 Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».

11

УьтталгӀа таӀзар: мисархойн дуьххьара бина кӀентий балар

1 Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирӀунна а, мисархошна а. Цул тӀаьхьа цо шу дӀахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дӀалохкур ду. 2 Амма и хилале, ахь дӀаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хӀуманаш еха еза». 3 Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирӀунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чӀогӀа лоруш вара.

4 Мусас пирӀуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву. 5 Мисар-махкахь хӀорра а дуьххьарлера кӀант лийр ву, паччахьан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу пирӀунан кӀантана тӀера кӀа оруш йолчу гӀарбашан кӀантана тӀекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тӀе даьлла боьрша хьайба лийр ду. 6 Цкъа а хьалха хилла а доцу я тӀаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь. 7 Исраилхойх цхьанна а хӀумма а хир дац, царна жӀаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хӀума хир дац царна. ТӀаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хӀун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“. 8 ТӀаккха хьан берриш а леш, тӀе а баьхкина, суна хьалха охьатаьӀар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дӀагӀо“. Цул тӀаьхьа со дӀагӀур ву». ПирӀун волчуьра, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, аравелира Муса.

9 Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирӀуно шуьга ладугӀур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама». 10 И ерриг а тамашийна билгалонаш пирӀунна хьалха гайтира Мусас а, АхӀарона а, амма, Везачу Эло дог а чӀагӀдина, пирӀуно шен махкара дӀа ца бахийтира исраилхой.

12

Пасахь

1- 12:1-13 Ӏамалъяр 23:5; Лелар 9:1-5; 28:16; Карлабаьккхинарг 16:1, 2. Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2 «ХӀара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун. 3 ДӀаала берриг а исраилхошка: хӀокху беттан уьтталгӀачу дийнахь хӀораммо а цхьацца Ӏахар я буьхьиг эца шен доьзална. 4 Нагахь санна Ӏахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Ӏахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Ӏахар массарна а кхаччал декъало. 5 Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю. 6 Кху беттан дейтталгӀа де тӀекхаччалц иза Ӏалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тӀебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Ӏахар бен беза. 7 И Ӏахар буун болчу цӀеношкахь неӀаран гуран шинне агӀор а, неӀаран дукъо тӀе а Ӏахаран цӀий хьакха. 8 Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. 9 Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дӀа а ца йоккхуш, цӀера тӀехь даттий, дӀадаа иза. 10 Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цӀера тӀехь дагаде диснарг. 11 И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь+ 12:11 *Пасахь *– иза Ӏебархойн маттахь «тӀехвалар» бохург ду.* ду.

12 Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. 13 Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. 14- 12:14-20 Арадаккхар 23:15; 34:18; Ӏамалъяр 23:6-8; Лелар 28:17-25; Карлабаьккхинарг 16:3-8. Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».

Совсазчу баьпкан деза де

15 «ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цӀенош чуьра бод совсо хӀума дӀаяккха, хӀунда аьлча цу деношкахь совсийна хӀума йиънарг исраилхошна юкъара дӀаваккха веза. 16 Хьалхарчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хӀума кечъяр бен. 17 Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела. 18 Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгӀачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. 19 ВорхӀ дийнахь шун чохь бод совсо хӀума хила мегар дац. Совсийначу бедах хӀума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тӀевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. 20 Цхьа а тайпа совсийна хӀума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».

Дуьххьара Пасахь

21 Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хӀораммо а, схьаэций, Ӏахар я буьхьиг е Пасахьана лерина. 22 ТӀаккха цуьнан цӀий чохь долчу кеда чу кӀедачу ярийн курс а Ӏоттий, шайн неӀаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. 23- 12:23 Ӏебархошка 11:28. Мисарна таӀзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неӀарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цӀий гур ду. Иза шун цӀеношна уллохула тӀехвер ву, Ӏожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. 24 И парзаш шуна а, шун тӀаьхьенашна а тӀейогӀу йолчу ханна тӀедехкина ду. Ларделаш уьш. 25 Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гӀуллакх. 26 Шайн бераша хаттахь: „Иза хӀунда деш ду?“ – аьлла, 27 аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагӀа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цӀеношна уллохула тӀех а ваьлла, мисархошна таӀзар дира Цо, ткъа вайн цӀенош Ӏалашдира“».

ТӀаккха Везачу Элана хьалха охьатаьӀира халкъ Цуьнга болчу ларамна. 28 Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.

Доьзалехь дуьххьарлера кӀант валийтар

29 Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кӀант валийтира, паччахьан гӀантахь Ӏаш волчу пирӀунан хьалхарчу доьзалхочунна тӀера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тӀекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. 30 Буьйсанна пирӀун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагӀаьттира. Доккха белхар хӀоьттира Мисар-махкахь, хӀунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара. 31 Цу буссехь тӀе а кхайкхина, Мусага а, АхӀароне а пирӀуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гӀовттий, дӀадовла сан халкъана юкъара. Даха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш ма-аллара. 32 Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дӀадига. ДӀа а гӀо, со декъал а ве!»

33 Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» – бохура цара. 34 Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегӀаш хӀуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тӀехь дӀаяьхьира исраилхоша. 35- 12:35, 36 Арадаккхар 3:21, 22. Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара. 36 Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.

Исраилхой Мисар-махкара дӀабоьлху

37 РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. 38 Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дӀадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара. 39 Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш.

40- 12:40 Доладалар 15:13; Галатахошка 3:17. Исраилхоша Мисарахь диъ бӀе ткъе итт шо даьккхинера. 41 И хан яьллачул тӀаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бӀо Мисарара арабелира. 42 И буьйса Везачу Эло ладоьгӀуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тӀаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.

Пасахьан некъаш

43 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац. 44 Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тӀаьхьа и кхача баа мегар ду. 45 Нагахь стаг шун махкахь тӀевеана Ӏаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц. 46- 12:46 Лелар 9:12; Яхьъя 19:36. Цхьана цӀа чохь яа еза Пасахьан яа хӀума, жижиг ара а ца доккхуш, даьӀахкаш а ца кегъеш. 47 Массо а исраилхоша кхочушдан деза гӀуллакх ду иза. 48 Нагахь шуна юкъахь Ӏаш волчу тӀевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цӀийнах болу боьрша нах сунтбе. ТӀаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. 49 Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Ӏаш волчу стеган а».

50 Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхӀаронна а деллачу омранна тӀетайра. 51 Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.

13

Хьалха бина кӀентий Далла лерина хилар

1 Везачу Эло Мусага элира: 2- 13:2 Лелар 3:13; Лака 2:23. «Исраилхойн хӀора хьалха вина кӀант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».

3 Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, 4 хӀунда аьлча кху дийнахь, Авив цӀе йолчу баттахь шу арадовлуш ду. 5 Везачу Эло канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тӀе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чӀагӀо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хӀара гӀуллакхаш де. 6 ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, ворхӀалгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина дезде хӀоттаде. 7 Совсаза бепиг ворхӀ дийнахь даа деза. Шун цӀеношкахь а, шун махкахь а совсийна бепиг хила ца деза цу хенахь. 8 Цу дийнахь хьайн кӀанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хӀара де“. 9 Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина. 10 ХӀора шарахь а и дезде билгалдаьккхинчу дийнахь, лара а лоруш, дӀакхехьа.

11 Везачу Эло хьан дайшна лур бу аьллачу КанаӀан-махка а валийна, и мохк хьайна дӀабелча, 12- 13:12 Арадаккхар 34:19, 20; Лака 2:23. доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хӀора кӀант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дӀало. 13 Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа ахь иза паргӀат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кӀантана тӀера а мах бала беза. 14 Хьан кӀанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хӀунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргӀатдаьхна вай. 15 Вай дӀахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирӀун, тӀаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кӀант а, боьрша хьайба а хӀаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагӀина лерина хӀора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дӀа а лой, сайн хьалхара кӀант цу мехаца мукъавоккху“. 16 Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».

Арадовларан некъ

17 ПирӀуно халкъ дӀахецча, Дала пӀелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тӀом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш». 18 Цундела Эрзан хӀорда+ 13:18 *Эрзан хӀорд *– таханлерчу дийнахь, схьахетарехь: *ЦӀен хӀорд бу.* уллорачу яьссачу арахула дӀадигира Дала халкъ. Иштта, Мисар-махкара герзаца арабевлира исраилхой. 19- 13:19 Доладалар 50:25; ЮшаӀ 24:32. Мусас шеца Юсупан даьӀахкаш схьаийцира, хӀунда аьлча Юсупа чӀагӀо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кӀелхьардохур ду. Шаьш дӀадоьлхуш, кхузара сан даьӀахкаш дӀахьолаш», – аьлла.

20 Сакхат цӀе йолчу меттера дӀа а бахана, яьсса аре чекхйолучохь, Атам цӀе йолчу меттигна уллохь севцира уьш. 21 Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бӀогӀамна юкъахь вогӀура иза, буьйсанна – цӀеран бӀогӀамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дӀабахийта. 22 Марханийн бӀогӀам а, цӀеран бӀогӀам а халкъана хьалхара дӀаболуш бацара.

14

Исраилхой хӀорда юккъехула бахар

1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошка дӀаала, юха а дерзий, Пи-ХӀахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цӀе йолчу меттигний, хӀорданий юккъехь, БаӀал-Цепонна уллохь яккха. 3 ПирӀунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу. 4 Ас пирӀунан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха иза шуна тӀаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирӀунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТӀаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.

5 Мисаран паччахье, пирӀуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хӀун ду вай динарг? ХӀунда бахийти вай уьш дӀа? ХӀинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара. 6 Шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, тӀемалой вовшахтуьйхира пирӀуно. 7 Ялх бӀе тоьлла тӀеман гӀудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гӀудалкхаш а, царна тӀехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо. 8 Везачу Эло дог а чӀагӀдина, исраилхошна тӀаьхьаваьллера пирӀун. Ткъа исраилхой майрра дӀабоьлхуш бара. 9 Мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тӀаьхьабевллера. Пи-ХӀахьират олучу меттигна уллохь, БаӀал-Цапонна хьалха царна тӀаьхьакхиира уьш.

10 Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. 11 Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? 12 ХӀара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гӀоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».

13 Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. 14 Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».

15 Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хӀунда кхойкху хьо? Исраилхошка дӀадуьйлало ала. 16 Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу. 17 Ас мисархойн дегнаш чӀагӀдийр ду, тӀаккха уьш исраилхошна тӀаьхьагӀур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирӀунна а, цуьнан эскарна а, гӀудалкхашна а, дошлошна а тӀехь толам а баьккхина. 18 Аса пирӀунна тӀехь а, цуьнан гӀудалкхашна тӀехь а, цуьнан дошлойшна тӀехь а Сайн сийлалла гайтича, тӀаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».

19 Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тӀехьа хӀоьттира, тӀаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бӀогӀам а нахана тӀехьа хӀоьттира. 20 Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хӀоьттира марханийн бӀогӀам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дӀаяллалц тӀеттӀа ца бахара уьш.

21 Мусас хӀорда тӀехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чӀогӀа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хӀорд дӀаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. 22- 14:22 1 Коринтхошка 10:1, 2; Ӏебархошка 11:29. ХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна. 23 ТӀаьхьабевлла богӀу мисархой шайн ерриг а говрашца, гӀудалкхашца, дошлошца хӀорда юккъе бевлира. 24 Ӏуьйранна марханийн а, цӀеран а бӀогӀамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. 25 Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»

26 Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хӀорда тӀехула лаца, тӀеттӀа хьаьддачу хино мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а дӀахьулбийр бу». 27 Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш. 28 Шен метте юхадеанчу хино гӀудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тӀаьхьадаьллачу пирӀунан эскарх цхьа а дийна ца висира. 29 Амма хӀорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тӀехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агӀор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.

30 Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьарбехира. ТӀаьхьо исраилхошна хӀордан берда тӀехь мисархойн декъий гира. 31 Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.

15

Мусас яьккхина назма

1- 15:1 Довзийтинарг 15:3. ТӀаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира:

«Ас Везачу Элана назма олу,

И сийлахь-воккха хиларна.

Дин а, бере а цхьаьна

Цо хӀорда чу кхоьссина.

2- 15:2 Забур 117:14; ЕшаӀ-ЯхӀу 12:2. Веза Эла сан ницкъ бу,

Цуьнан дуьхьа ас назма олу,

Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела.

Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас.

Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.

3 Веза Эла сийлахь тӀемало ву,

Цуьнан цӀе ЯхӀува+ 15:3 *ЯхӀува *– цу дешан маьӀна «Волуш Верг» бохург ду. Хьовса 3:14.* ю.

4 ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо,

тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.

5 КӀоргачу хиша уьш къайлабехира.

ТӀулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.

6 Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду.

Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагӀа хӀаллаквина.

7 Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш.

Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.

8 Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна,

пен санна, дӀахӀоттийра.

ХӀордан кийрара хи дукъделира.

9 МостагӀчо элира: „Царна тӀаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас,

церан хьал схьа а доккхур ду.

Тур а даьккхина, сайн дог Ӏабош, сан куьйго уьш хӀаллак а бийр бу“.

10 Амма Ахь царна тӀе мох хьаькхира,

тӀаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хӀордан буьрсачу хиша дӀахьулбира.

11 Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь?

Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а,

инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?

12 Ахь аьтту куьг тесча,

уьш Лаьтто дӀахьулбира.

13 Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ,

онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.

14 Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду.

ПӀелаштамхойн халкъ кхерамо Ӏадийна хир ду.

15 Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу,

Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу,

КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.

16 Кхерамо Ӏадор бу уьш!

Хьан сийлахь куьг а гина,

тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш,

Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц,

мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.

17 ДӀа а дигна, Хьайн цӀенна хаьржинчу метте

охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла,

Хьайна хӀусам Ахь йинчу метте,

Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦӀийне!

18 Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».

Марема йиш лакхар

19 Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.

20 АхӀаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тӀаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. 21 Марема царна эшар лекхира:

«Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду.

Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».

Къаьхьа хи

22 Исраилхой Эрзан хӀорда тӀера дӀабигира Мусас. Шур цӀе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дӀаоьхуш, хи ца карадора царна. 23 Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду). 24 Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» – бохура цара. 25 Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира.

Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала. 26 Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».

27 Элим цӀе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.

16

«Манна» а, лекъарчий а

1 Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ. 2 Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах. 3 «Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара.

4- 16:4 Яхьъя 6:31. Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. 5 ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».

6 Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла. 7 Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?» 8 Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».

9 АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“». 10 АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. 11 Везачу Эло Мусага элира: 12 «Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».

13 Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара. 14 Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира. 15- 16:15 1 Коринтхошка 10:3. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю.

Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. 16 Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар+ 16:16 *Ӏовмар *– иза хӀума узучу хенахь цуьнан бараман цӀе ю, масала, кийла а, литр а санна.* гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал».

17 Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш. 18- 16:18 2 Коринтхошка 8:15. Ӏовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера. 19 Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш». 20 Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара. 21 Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.

22 ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза. 23- 16:23 Арадаккхар 20:8-11. Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха». 24 Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна. 25 Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац. 26 Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».

27 Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира. 28 Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш? 29 Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла». 30 ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.

31- 16:31 Лелар 11:7, 8. Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра. 32 Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“». 33- 16:33 Ӏебархошка 9:4. Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза». 34 ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама. 35- 16:35 Якъуба 5:12. Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц. 36 (Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.)

17

Тархах долало хи

(Лелар 20:1-13)

1- 17:1-7 Лелар 20:2-13. Дерриг а Исраилан халкъ Син цӀе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хӀоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара. 2 Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара.

«Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе.

3 Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?»

4 Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХӀун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хӀара дахлахь, цара суна тӀулгаш деттар ду».

5 Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тӀаьхьа а хӀиттабай, халкъана хьалххула чекхвала. Айхьа Нил-хи тӀе тухуш лелийна Ӏаса хьайн кара схьаэца. 6 Со Хьариб цӀе йолчу меттехь цхьана тарх тӀе хьуна хьалха дӀахӀуттур ву. Ахь тархах Ӏаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тӀаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гӀуллакх кхочушдира Мусас.

7 Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.

Ӏамалекхахошца тӀом бар

8 Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тӀаме бевлира Ӏамалекхахой. 9 Мусас ЮшаӀе элира: «Къонахий а харжий, Ӏамалекхахошца тӀом бан гӀо. Кхана, гу тӀе а ваьлла, дӀахӀуттур ву со, Дала тамашийна хӀуманаш гойту Ӏаса сайн буйна а лаьцна». 10 Мусас бохург кхочушдеш, Ӏамалекхахошца тӀом бан вахара ЮшаӀ. Муса а, АхӀарон а, Хьор а гу тӀе хьалавелира. 11 Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Ӏамалекхахой тулура. 12 Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТӀаккха иза тӀулга тӀе охьа а хаийна, АхӀарона а, Хьора а, цхьацца агӀор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дӀалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. 13 Иштта Ӏамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаӀа.

14- 17:14 Карлабаьккхинарг 25:17-19; Шамъал 15:2-9. Везачу Эло Мусага элира: «ХӀокху тӀамах лаций тептар тӀехь дӀаязде, тӀейогӀучу тӀаьхьенашна хӀара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаӀе ала, Ас Ӏамалекхахой лаьтта тӀера тӀепаза бойур бу алий». 15 Цигахь сагӀа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цӀе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. 16 Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Ӏамалекхахошца даим а тӀом беш хир бу».

18

Итар Муса волчу вахар

1 Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гӀо дина аьлла. 2- 18:2, 3 Арадаккхар 2:21, 22. Мусас шен зуда Ципара цӀа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоӀ а, цуьнан ши кӀант а тӀеэцнера. 3- 18:3 Векалийн 7:29. Шина кӀантах цхьаннан цӀе ГӀиршам яра (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду). И цӀе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела. 4 Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина». 5 Мусан зуда а, ши кӀант а валош, цуьнан стунда Муса волчу яьссачу ара тӀевеара. Мусас цигахь, Делан лома уллохь, меттамотт хӀоттийнера. 6 Итара Мусага хаийтира: «Со хьан стунда Итар ву, хьан зуда а, ши кӀант а ву соьца». 7 Дуьхьал а ваьлла, шен стундена хьалха охьа а таьӀна, цунна барт баьккхира Мусас. Маршалла а хаьттина, четар кӀел бевлира уьш. 8 Мусас шен стундена дийцира исраилхойн дуьхьа Везачу Эло пирӀунна а, мисархошна а динчух лаьцна а, шаьш новкъахь лайначу баланех а, Везачу Эло шайна гӀо дарх лаьцна а. 9 Итарна хазахийтира, Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьар а баьхна, царна динчу дерриге а дикачух лаьцна хезча. 10 Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирӀунан куьйгах кӀелхьардаьхна, ткъа хӀара къам Мисаран олаллех паргӀатдаьккхина. 11 ХӀинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хӀара дерриг дина дела». 12 Итара Далла лерина дийнат дагош долу сагӀа а, кхин важа сагӀанаш а дехира. АхӀарон а, исраилхойн къаной а баьхкина, Итарца цхьаьна охьахевшина, Далла хьалха хӀума йиира цара.

Куьйгалхой хӀиттор

(Карлабаьккхинарг 1:9-18)

13 ШолгӀачу дийнахь, кхелахо а хилла, халкъана гӀуллакх дан хиира Муса. Ӏуьйранна дуьйна сарралц лаьттира адам Мусана хьалха. 14 Мусас деш дерг а гина, Итара хаьттира: «Ахь халкъан дуьхьа деш дерг хӀун ду? Ӏуьйранна дуьйна сарралц хьо цхьаъ бен хӀунда вац кхелахо хилла Ӏаш? Хьуна цхьанна хьалха хӀунда лаьтта халкъ?»

15 Шен стундега Мусас элира: «Суна тӀе нах богӀу, соьгахула Делан лаам хаа. 16 Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».

17 Амма Мусан стундас элира: «Нийса дац ахь деш дерг. 18 Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хӀунда аьлча хьуна хала ду хӀара гӀуллакх дӀакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза. 19 Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догӀий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гӀуллакхаш Деле дӀа а хоуьйтуш. 20 Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта. 21 Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь куьйгалхой хӀиттабе. 22 Уьш нахана тӀехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гӀуллакх хилахь, иза хьайна тӀедаийта, ткъа кегий гӀуллакхаш шайга къастадайта. ТӀаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю. 23 Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тӀе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргӀатбевлла, шайн цӀа а гӀур бу».

24 Шен стундега ла а доьгӀна, цо бохург дира Мусас. 25 Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хӀиттийра цо эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь. 26 Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гӀуллакх цара Мусана тӀедахьара, ткъа кегийра гӀуллакхаш шаьш къастадора.

27 Юха Мусас шен стунда новкъа ваьккхира. Итар шен махка дӀавахара.

19

Исраилхой Синай-лам болчохь

1 Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагӀа бутт чекхболуш, бутт цӀинлучу хенахь, Синай цӀе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. 2 Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хӀоттийра. 3 Муса лома тӀе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тӀера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тӀаьхьене, исраилхошка, дӀаала:

4 „Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. 5- 19:5, 6 1 Кипин 2:9. - 19:5 Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; 26:18; Тите 2:14. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. 6- 19:6 Довзийтинарг 1:6; 5:10. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“.

Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».

7 Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тӀе диллинарг цаьрга дӀаэлира Мусас. 8 Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас.

9 Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама».

ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. 10 Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тӀе а гӀой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дӀакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. 11 КхозлагӀчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тӀе вуссур ву. 12- 19:12, 13 Ӏебархошка 12:18-20. Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тӀе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву. 13 Адам делахь а, хьайба делахь а, тӀулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Ӏотта. Локхучу уьстагӀан маӀан дахдина аз хезча, нах лам тӀе хьалабовла мегар ду».

14 Лома тӀера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хӀуманаш йиттира. 15 Цо халкъе элира: «КхозлагӀчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гӀо».

16- 19:16 Довзийтинарг 4:5. - 19:16-18 Карлабаьккхинарг 4:11, 12. КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира. 17 Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кӀел Делаца цхьаьнакхета дӀадигира. Уьш ламанан кӀажехь дӀахӀиттира. 18 Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура+ 19:18 *Грекийн гочдар тӀехь: *Ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура, ткъа нах синтем байна меттахбуьйлура.*. 19 УьстагӀан маӀан аз тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. 20 Синай-ламанан бохь тӀе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тӀе кхайкхира. Муса хьалавелира. 21 Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гӀерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хӀаллакьхир бу. 22 Веза Эла волчу Суна улло богӀу динан дай а тӀехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта».

23 Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тӀе дала бакъо яц, хӀунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дӀакъастабе аьлла».

24 Везачу Эло цуьнга элира: «ГӀой, нах болчу чувосса, юха АхӀаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хӀаллак ца дайта». 25 Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дӀаэлира Мусас.

20

Делера болу итт хьехам

(Карлабаьккхинарг 5:1-21)

1 Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира:

2 «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.

3 Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.

4- 20:4, 5 Арадаккхар 34:17; Ӏамалъяр 19:4; 26:1; Карлабаьккхинарг 4:15-18; 27:15. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. 5- 20:5, 6 Арадаккхар 34:6, 7; Лелар 14:18; Карлабаьккхинарг 7:9, 10. Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до. 6 Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.

7- 20:7 Ӏамалъяр 19:12. Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.

8- 20:8 Арадаккхар 16:23-30; 31:12-14. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 9- 20:9, 10 Арадаккхар 23:12; 31:15; 34:21; 35:2; Ӏамалъяр 23:3. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 10 Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. 11- 20:11 Доладалар 2:1-3; Арадаккхар 31:17. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.

12- 20:12 а: Карлабаьккхинарг 27:16; Маттай 15:4; 19:19; Марк 7:10; 10:19; Лака 18:20; Эпасхошка 6:2; б: Эпасхошка 6:3. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.

13- 20:13 Доладалар 9:6; Ӏамалъяр 24:17; Маттай 5:21; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Адам ма де.

14- 20:14 Ӏамалъяр 20:10; Маттай 5:27; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Нахаца ма лела.

15- 20:15 Ӏамалъяр 19:11; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9. Къола ма де.

16- 20:16 Арадаккхар 23:1; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.

17- 20:17 Римхошка 7:7; 13:9. Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».

Халкъ кхоьру

(Карлабаьккхинарг 5:22, 23)

18- 20:18, 19 Ӏебархошка 12:18, 19. Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. 19 Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».

20 Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». 21 Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.

СагӀа доккхучу меттигех долу парзаш

22 Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. 23 Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе. 24 Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду. 25- 20:25 Карлабаьккхинарг 27:5-7; ЮшаӀ 8:31. Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. 26 СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».

21

Лейх лаьцна Дала тӀедиллинарг

(Карлабаьккхинарг 15:12-18)

1 «Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тӀедехкинарш хӀорш ду: 2- 21:2-6 Ӏамалъяр 25:39-46. Нагахь айхьа Ӏебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза, цунах мах а ца боккхуш. 3 Нагахь иза ша веанехь, ша дӀа а хеца. Нагахь иза зудчуьнца хиллехь, цуьнца цхьаьна зуда а дӀаяхийта. 4 Нагахь хӀусамдас шен лена зуда а ялийна, зудчо цунна кӀентий я йоӀарий бинехь, шен зуда а, бераш а хӀусамдена а дитина, иза ша дӀаваха веза. 5 Амма лено ала тарло: „Сайн хӀусамда а, сайн зуда а, бераш а деза суна, со паргӀатваккхийта ца лаьа суна“. 6 ТӀаккха хӀусамдас, лай Далла хьалха а хӀоттийна, неӀарна я неӀаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Ӏуьрг даккха деза, ю а Ӏоьттина. ТӀаккха лай тӀейогӀу мел йолчу хенахь хӀусамдена вуьсур ву.

7 Нагахь цхьаммо шен йоӀ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу. 8 Нагахь цунах шена гӀарбаш-зуда ян хӀусамда реза вацахь, иза паргӀатъялийта еза цо. Хийрачу къомах болчарна иза йохка бакъо яц цуьнан, иза цуьнца мекарлонца лелла дела. 9 Нагахь хӀусамдас иза шен кӀентан дола яккхахь, шен йоӀ санна лело еза цо иза. 10 Нагахь цо шена кхин зуда ялаяхь, хьалха ялийна йолчу зудчунна а кхача а, бедар а латтор а, майрачо ден Ӏуналла а лагӀдан ца деза цо. 11 Нагахь и кхо хӀума кхочушдеш дацахь, цу зудчунна дӀаяха бакъо яла еза, цунах мах а ца боккхуш».

Ницкъ барх лаьцна тӀедиллинарг

12- 21:12 Ӏамалъяр 24:17. «Нагахь стага валлал чӀогӀа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. 13- 21:13 Лелар 35:10-34; Карлабаьккхинарг 19:1-13; ЮшаӀ 20:1-9. Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дӀаваха веза. 14 Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагӀа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дӀа а вигий, ве иза.

15 Дена я нанна тоьхнарг вен веза.

16- 21:16 Карлабаьккхинарг 24:7. Цхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.

17- 21:17 Ӏамалъяр 20:9; Маттай 15:4; Марк 7:10. Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.

18 Шина стеган дов а даьлла, цхьаммо вукхунна тӀулг я буй а тоьхна, иза вала ца лахь, амма метта охьавижахь, 19 юха хьала а гӀоттуш, иза гӀожаца чу-ара волуш хилахь, цунна тоьхнарг вен ца оьшу. Амма бехке волчо лазийначунна мах бала беза иза болх ца балуш вуьсучу ханна. Цул сов, бехке волчо лазийнарг Ӏалашван веза, цуьнан могушалла кхоччуш юхаметтахӀотталц.

20 Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна гӀаж а тоьхна, иза лахь, цунна таӀзар дан догӀу. 21 Амма лазийначунна цхьана-шина дийнахь гӀоле хилахь, хӀусамдена таӀзар дан ца оьшу, хӀунда аьлча цо, ахча а делла, эцна ву и лай.

22 Нах летча, цхьаммо берах йолчу зудчунна тоха а тоьхна, иза остаялахь, амма кхин зе дина дацахь, и зуда долахь йолчу стага тоьхна долу гӀуда даккха деза бехке волчуьнгара кхелахоша къобалбечу барамехь. 23 Амма дина доккха зе делахь, синах са даккха догӀу, 24- 21:24 Ӏамалъяр 24:19, 20; Карлабаьккхинарг 19:21; Маттай 5:38. хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког, 25 вагорна дуьхьал ваго веза, чевнна дуьхьал чов, лазорна дуьхьал лазор.

26 Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна тоьхна, бӀаьрг баккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза, хӀунда аьлча бӀаьрг иза маьршабовларан мах бу. 27 Нагахь хӀусамдас, тоьхна, шен лен я гӀарбашан церг яккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза. Церг паргӀатбовларан мах бу».

ХӀусамдена жоп дала дезар

28 «Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маӀаш Ӏиттахь, тӀулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хӀусамден бехк бац. 29 Нагахь санна сту хьалха а леташ хиллехь, цуьнан хӀусамдега цунах дерг дӀа а аьллехь, амма цо иза дӀа ца бихкинехь, и сту, нагахь санна цо стаг я зуда дехь, тӀулгаш а кхиссина, бен беза, цуьнан хӀусамда а вен веза. 30 Нагахь цу хӀусамдена гӀуда тохахь, цо иза дӀадала деза, шен дахар паргӀатдаккхархьама. 31 КӀантана я йоӀана старо маӀаш Ӏиттахь, хӀусамдена, хьалхалерниг санна, таӀзар дан догӀу. 32 Нагахь лена я гӀарбашна старо маӀаш Ӏиттахь, церан хӀусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тӀулгаш а кхиссина, бен беза.

33 Нагахь цхьаммо ор схьадаьстина, я, иза даккха а даьккхина, тӀе хӀума а ца тоьхна, цу чу сту я вир йожахь, 34 ор долчо бежана долчу хӀусамдена детица гӀуда такха деза, ткъа делла бежана бехке волчунна дуьсур ду. 35 Нагахь цхьаннан старо, лулахочун сту маӀаш а Ӏиттина, бехь, дийна болу сту дӀа а боьхкина, цунах делла ахча шайна юкъахь декъа деза, белла сту а бекъа беза. 36 Амма хьалха а, сту леташ буйла а хууш, хӀусамдас иза дӀа ца бихкинехь, бийначу старана дуьхьал сту бала беза цо, ткъа бийнарг цунна буьсур бу».

22

Хилла зе меттахӀотторах тӀедиллинарг

1 «Нагахь цхьаммо сту я уьстагӀ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагӀна дуьхьал биъ уьстагӀ а бала беза.

2 ХӀума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цӀий вийначунна тӀехь хир дац, 3 амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тӀехь цӀий ду.

ХӀума лачкъийначо ша дина зе дӀатакха деза, амма цуьнан дӀадала хӀума дацахь, цо дина зе меттахӀоттош, иза вохка веза. 4 Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хӀума – сту белахь, я вир елахь, я уьстагӀ белахь а – дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.

5 Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дӀа а хецна, нехан дӀайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дӀадала деза цо.

6 Нагахь цхьаммо цӀе латаяхь, ткъа цу цӀеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цӀевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дӀакхаллахь, цӀе латийначо цу цӀеро дина зе меттахӀотто деза.

7 Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Ӏалашдан дато ахча я хӀуманаш лахь, амма цуьнан цӀа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза. 8 Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза.

9 Шина стагана юкъахь муьлхха а хӀуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагӀах, я бедарх, я яйначу хӀуманах – къовсам белахь, и гӀуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза.

10 Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Ӏалашъян я вир, я сту, я уьстагӀ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча, 11 Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чӀагӀо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тӀе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тӀеэца деза, вукхо мах бала а ца беза. 12 Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богӀу мах даьхнин дена дӀабала беза и даьхни тӀелаьцначо. 13 Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дӀагайта еза, тӀаккха хӀусамдена даьхних мах бала безар бац.

14 Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза. 15 Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богӀу мах хир бу».

ГӀиллакх-оьздангаллех а, динах а тӀедиллинарг

16- 22:16, 17 Карлабаьккхинарг 22:28, 29. «Нагахь маре яхаза йоӀстаг Ӏеха а йина, цуьнца цхьаъ дӀавижахь, йоӀах богӀу мах дӀа а белла, иза яло еза цу стага. 17 Ткъа нагахь йоӀан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоӀах томана богӀу мах дӀабала беза.

18- 22:18 Карлабаьккхинарг 18:10, 11. Жинашца тайнарг дийна ма йита.

19- 22:19 Ӏамалъяр 18:23; 20:15, 16; Карлабаьккхинарг 27:21. Бежанца дӀавижнарг ве.

20- 22:20 Карлабаьккхинарг 17:2-7. Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.

21- 22:21, 22 Арадаккхар 23:9; Ӏамалъяр 19:33, 34; Карлабаьккхинарг 24:17, 18; 27:19. ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. 22 Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де. 23 Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. 24 ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.

25- 22:25 Ӏамалъяр 25:35-38; Карлабаьккхинарг 15:7-11; 23:19, 20. Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе. 26- 22:26, 27 Карлабаьккхинарг 24:10-13. Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дӀабузале юхало иза цунна, 27 хӀунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегӀ дохдеш долу. ДӀа муха вуьжур ву иза, тӀетесна хӀума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хӀунда аьлча Со къинхетаме ву.

28- 22:28 Векалийн 23:5. Далла а ма ле, халкъана тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна неӀалт а ма кхайкхаде.

29 Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало.

Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна. 30 Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхӀ дийнахь шайн наношца а дитий, борхӀалгӀачу дийнахь схьало уьш.

31- 22:31 Ӏамалъяр 17:15. Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».

23

Нийсачу кхелах лаьцна

1- 23:1 Арадаккхар 20:16; Ӏамалъяр 19:11, 12; Карлабаьккхинарг 5:20. «Даьсса хабар дӀаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гӀо ма де. 2 Дуккха а нахана тӀаьхьа а хӀоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта. 3- 23:3 Ӏамалъяр 19:15. Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.

4- 23:4, 5 Карлабаьккхинарг 22:1-4. Нагахь хьайн мостагӀчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тӀе дӀадига деза уьш. 5 Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Ӏуьллуш хьан мостагӀчун вир хилахь, цигара дӀа ма гӀо, гӀо де цунна, и вир юха когаш тӀе хӀоттош.

6- 23:6-8 Ӏамалъяр 19:15; Карлабаьккхинарг 16:19. Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тӀера ма ялийта. 7 Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хӀунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац. 8 Кхаьънаш ма эца, хӀунда аьлча цара са гуш верг бӀаьрзе во, бакъболчеран гӀуллакх талхадо.

9- 23:9 Арадаккхар 22:21; Ӏамалъяр 19:33, 34; Карлабаьккхинарг 24:17, 18; 27:19. ТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».

ВорхӀалгӀачу шарах а, ворхӀалгӀачу дийнах а лаьцна

10- 23:10, 11 Ӏамалъяр 25:1-7. «Ялх шарахь хьайн латта дӀа а де, цу тӀера ялта а гулде. 11 ВорхӀалгӀачу шарахь иза дӀа ма де, лаьтте садаӀийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.

12- 23:12 Арадаккхар 20:9-11; 31:15; 34:21; 35:2; Ӏамалъяр 23:3; Карлабаьккхинарг 5:13, 14. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.

13 Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».

Кхаа дезачу дийнах лаьцна

(Арадаккхар 34:18-26; Карлабаьккхинарг 16:1-17)

14 «Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. 15- 23:15 Арадаккхар 12:14-20; Ӏамалъяр 23:6-8; Лелар 28:17-25. Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.

16- 23:16 а: Ӏамалъяр 23:15-21; Лелар 28:26-31; б: Ӏамалъяр 23:39-43. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде.

Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. 17 ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.

18 Дийнатан цӀийн сагӀа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагӀина даьккхинчун мохь Ӏуьйренга ма ялийта.

19- 23:19 Карлабаьккхинарг 26:2; Арадаккхар 34:26; Карлабаьккхинарг 14:21. Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да.

Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

ВаӀданаш а, хьехамаш а

20 «Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Ӏалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дӀавига а. 21 Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна. 22 Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. 23 Сан Малико, хьалха а даьлла, дӀавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаӀанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тӀе вуьгур ву хьо, амма Ас хӀаллакбийр бу уьш. 24 Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде. 25 Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю. 26 Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.

27 Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. 28 Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаӀанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дӀа. 29 Амма уьш цхьана шарахь дӀалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тӀех дукха ца хилийта. 30 Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дӀадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хӀара латта ахь дола даккхалц. 31 Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. 32 Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. 33 Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».

24

Везачу Элаца бина барт чӀагӀбар

1 Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа. 2 Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».

3 Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». 4 Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира. 5 Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура. 6 Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра. 7 Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».

8- 24:8 а: Маттай 26:28; Марк 14:24; Лака 22:20; 1 Коринтхошка 11:25; Ӏебархошка 10:29; б: Ӏебархошка 9:19, 20. Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.

9 Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира. 10 Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш. 11 Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.

Муса Синай-лам тӀехь

12 Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». 13 Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса. 14 Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».

15 Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира. 16 Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. 17 Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. 18- 24:18 Карлабаьккхинарг 9:9. Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.

25

Делан цӀенна лерина совгӀаташ

(Арадаккхар 35:4-9)

1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка, Суна совгӀаташ да алий. Даггара сагӀа дала лууш лелачу хӀора стагера Суна лерина совгӀаташ схьаэца. 3 Аш схьаэца езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: деши а, дети а, цӀаста а, 4 сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, 5 цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а, 6 къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, 7 ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а тӀехӀитто оникс цӀе йолу беза тӀулг а, кхидолу деза тӀулгаш а. 8 Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву. 9 Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».

Бартбаран тӀорказах лаьцна

(Арадаккхар 37:1-9)

10 «Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. 11 Чухула а, тӀехула а цӀена деши лаца цунна. ТӀорказна тӀехула, цунна гонах, дашо сара лаца. 12 ТӀорказна йиъ дашо чӀуг а яй, беа когахь дӀачӀагӀъе уьш: шиъ цхьана агӀор, шиъ вукху агӀор. 13 Акацих хьокхий а дай, тӀехула деши лаца царна. 14 Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. 15 ЧӀагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тӀорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дӀадаха ца могуьйту. 16 ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.

17- 25:17 Ӏебархошка 9:5. Дала къинош дӀадоху негӀар а де цӀеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза. 18 Туьйсинчу деших негӀарца цхьаьна ши каруб- малик де, уьш негӀарна тӀехь шина агӀор хила деза. 19 Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор а долуш, и шиъ негӀарца дийнна цхьа хӀума хила деза. 20 Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негӀарна тӀедирзина а хир ду и каруб-маликаш. 21 НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. 22 Тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негӀарна тӀехула хьуна дуьхьал а вогӀур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тӀедуьллур ду Ас хьоьгахула».

Даздина баьпкаш тӀедохкучу стоьлах лаьцна

(Арадаккхар 37:10-16)

23 «Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 24 Цунна гонах деши а лаций, тӀаккха гонах дашо сара лаца. 25 Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тӀе а дашо сара лаца. 26 Стоьлана йиъ дашо чӀуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тӀехь, дӀачӀагӀъе. 27 Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь хила еза. 28 Хьокхий а акацих де, царна тӀехула деши лаца. Царна тӀехь лелор ю и стол. 29 Стоьлана тӀехӀитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. ЦӀеначу деших е и хӀуманаш. 30- 25:30 Ӏамалъяр 24:5-8. Цу стоьла тӀехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».

Стогарх лаьцна

(Арадаккхар 37:17-24)

31 «ЦӀеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гӀад а, цу тӀехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. 32 Ялх га хила деза цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор. 33 Цхьана гаьнна тӀехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тӀехь хила деза уьш. 34 Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гӀода тӀехь. 35 Стогаран гӀодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза. 36 Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших дина хила деза. 37 ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта. 38 ЦӀеначу деших тукарш а, нойш а е цунна. 39 Берриг а шен гӀирсашца цхьана галин барамехь долчу цӀеначу деших бе и стогар. 40- 25:40 Векалийн 7:44; Ӏебархошка 8:5. Варелахь, лам тӀехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».

26

Делан цӀийнах лаьцна

(Арадаккхар 36:8-38)

1 « Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. 2 ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза. 3 Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза. 4 Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а. 5 Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза. 6 Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.

7 Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза. 8 Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш. 9 Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе. 10 Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а. 11 Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду. 12 Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита. 13 Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.

14 Ши кхалор е четарна тӀехула лаца – цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.

15 Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна. 16 Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш. 17 ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш. 18 Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе. 19 Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зӀакарна. 20 Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе. 21 Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш. 22 Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе. 23 Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе. 24 Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза. 25 Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана шишша бух.

26 Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна, 27 пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна. 28 Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза. 29 Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца. 30 Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.

31 Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. 32 И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза. 33- 26:33 Ӏебархошка 6:19; 9:3-5. Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю. 34 Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла. 35 Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.

36 Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. 37 И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».

27

СагӀа доккхучу кхерчах лаьцна

(Арадаккхар 38:1-7)

1 «Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. 2 Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхала. 3 Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. И хӀуманаш цӀастанах йина хила еза. 4 ЦӀастанах цаца бе кхерчана тӀебилла. Цецан еа маьӀӀехь цӀастанах цхьацца чӀуг е. 5 Кхерчан хӀазарна кӀел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш. 6 Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тӀе а цӀаста лаца. 7 Хьокхий чӀагаршна чу хӀиттаде, кхерч дӀахьочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. 8 Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тӀехь хьайна ма-гайттара».

Делан четаран кертахь

(Арадаккхар 38:9-20)

9 «Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш охка, церан йохалла бӀе дол хила еза. 10 Ткъа бӀогӀам а, ткъа цӀестан бух а хӀоттабе царна. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, царна тӀера дӀатосургаш а дато хила еза. 11 Иштта къилбаседехьа агӀор а бӀе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а кечбе. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих е. 12 Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе. 13 Кертан шоралла, малхбалехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе. 14 Цхьана агӀор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе. 15 Вукху агӀор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе. 16 Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бӀогӀам а, биъ бух а кечбе. 17 Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих йинчу дӀатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тӀера мӀерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цӀастанах бина хила беза. 18 Керт йохалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих хила еза, бӀогӀамийн баххаш цӀестан хила деза. 19 Делан четар чохь лело гӀирсаш а, иза чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀастанах дина хила деза».

Стогар Ӏалашбарх лаьцна

(Ӏамалъяр 24:1-4)

20 «Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 21 Гуламан четар чохь бартбаран тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна исраилхойн тӀаьхьенашна тӀедиллина ду иза».

28

Динан коьртачу ден АхӀаронан духарх лаьцна

(Арадаккхар 39:1-7)

1 «Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза. 2 Хьайн вешина АхӀаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. 3 Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий. 4 Цара кечдан деза духарш хӀорш ду: некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а, ийпад а, тӀехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кӀадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дайта, Суна гӀуллакх деш динан дай уьш хилийта. 5 Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а схьаэцийта.

6 Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а ийпад цӀе йолу тӀехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. 7 Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агӀо цхьаьнатесна хилийта. 8 Ийпадна тӀехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а дина хила деза иза. 9 Оникс цӀе йолу ши беза тӀулг схьа а эций, царна тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш язъе: 10 ялх цӀе цхьана безачу тӀулга тӀехь, важа ялх вукху безачу тӀулга тӀехь, вокх-воккхачу кӀентан цӀе хьалха а язъеш. 11 МухӀар дечу пхьере шина тӀулга тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хӀиттадайта и тӀулгаш. 12 Ийпадан гураш тӀехь чӀагӀъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхӀарона шен белшаш тӀехь лелор ю и цӀераш, уьш дагахь латтийта. 13 Деших беттанаш е. 14 ЦӀеначу деших юьйцина ши зӀе а яй, уьш беттанаш тӀе дӀатийса».

Некха хьалха уллучух лаьцна

(Арадаккхар 39:8-21)

15 «Говзачу балхаца некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина хила еза иза а. 16 ЕакӀов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш. 17 Дашо беттанаш чохь деза тӀулгаш дахка безачу тӀоьрмагна тӀе беа могӀарехь. Цхьана могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. 18 ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта. 19 КхозлагӀчу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта. 20 БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хӀиттийна хила деза уьш. 21 ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза. 22 ЦӀеначу деших юьйцина зӀенаш е безачу тӀоьрмага тӀе таса. 23 Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган шина маьӀӀе дӀатаса уьш. 24 Юьйцина ши зӀе оцу шина чӀагарх дӀатаса. 25 Шина зӀенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агӀор долчу ийпадан гурашна тӀехь йолчу шина баттах дӀатаса. 26 Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьӀӀе дӀатаса уьш. Ши дашо чӀуг а яй, безачу тӀоьрмагна чухула ийпад йолчу агӀор дӀатаса уьш. 27 Кхин а ши дашо чӀуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агӀор, доьхкарна тӀехула дӀатаса уьш. 28 Беза тӀоьрмаг шен чӀагаршца сийначу эханган тӀергаца ийпадан чӀагарех дӀабехка, ийпадан доьхкарна тӀехула а болуьйтуш, ийпадах дӀа а ца къостуьйтуш.

29 Ша Делан четар чу воьдуш, АхӀарона безачу тӀоьрмага тӀехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цӀераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта. 30- 28:30 Лелар 27:21; Карлабаьккхинарг 33:8; Ӏезар 2:63; Нахьми-ЯхӀу 7:65. Безачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш+ 28:30 *Урим а, Тумим а *– Делан лаам хаархьама, динан дас лелош болу ши тӀулг. Билггал цаьрца деш дерг хууш дац.*. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона».

Динан дайн духар

(Арадаккхар 39:22-31)

31 «Ийпадаца юха оба е сийначу басахь. 32 Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза. 33 Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш. 34 Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх. 35 Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.

36 ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. 37 Чалбанан хьалхарчу агӀор сийначу тӀергаца дӀатаса иза. 38 АхӀарона иза шен коьрта тӀехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагӀанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тӀе лоцур бу. Веза Эла оцу сагӀанашна резахилийта, массо а ханна АхӀарона шен коьрта тӀехь лело еза и экъа.

39 Дуткъачу кӀадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кӀадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.

40 АхӀаронан кӀенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хӀуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. 41 Хьайн вешина АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀедуха и духарш. Царна тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дӀа а къастош, тӀаккха Суна лерина гӀуллакх деш динан дай хир бу царах. 42 Дуткъачу кӀадих, гӀодаюкъара гӀогӀаш тӀе кхаччалц дегӀ хьулдеш, бедар кечъе царна. 43 И бедарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀехь хила еза, уьш гуламан четар чу богӀуш а, езачу чоьнна чохь гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе богӀуш а, царна тӀе бехк а биллина, уьш хӀаллак ца хилийтархьама. АхӀаронна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду иза».

29

Динан дай къобалбан тӀедехкинарш

(Ӏамалъяр 8:1-36)

1 «Суна лерина гӀуллакх дан царах динан дай беш, ахь хӀара дан деза: кхиъна йогӀу старгӀа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза), 2 совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кӀенан демах дина хила деза. 3 Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгӀица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада.

4 АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, гуламан четаран неӀаре схьа а балабай, хица лийчабе. 5 Духарш схьа а эций, АхӀаронна тӀе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тӀоьрмаг а олла, юкъах ийпада тӀехула доьхка а дехка. 6 Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тӀехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чӀагӀде. 7 Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхӀаронан коьрта тӀе дотта, иза къобал а веш.

8 Схьа а балабай, цуьнан кӀенташна тӀе кучамаш юха. 9 Царна+ 29:9 *Царна *– иштта ду грекахойн гочдар тӀехь. Ӏебархойн маттахь: *АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а.* юкъах доьхкарш а дехка, кортош тӀе кӀадинан асанаш а яхка, тӀаккха царах ерриг а тӀейогӀучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Суна леррина гӀуллакх дан къобалбийр бу ахь.

10 СтаргӀа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду. 11 Делан цӀенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгӀина. 12 СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта. 13 Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доӀах тӀехь йолу мохь а, шайна тӀера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. 14 СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду.

15 Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду. 16 Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀий схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цинцаш тоха. 17 Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тӀеяхка. 18- 29:18 Эпасхошка 5:2; Пилапхошка 4:18. Берриг а ка сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. Иза дийнат дагоран цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

19 Важа ка а схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тӀе дохкур ду. 20 Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха. 21 Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагӀа доккхучу кхерча тӀера цхьажимма цӀий а, схьа а эций, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тӀетоха, цуьнан кӀенташна а, церан бедаршна а цинцаш тӀетоха. ТӀаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кӀентий а базбина хир бу.

22 АхӀарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доӀахана тӀера мохь а, ши жим а, царна тӀера мохь а, аьтту гӀогӀ а схьаэца. 23 Везачу Элана хьалха дӀахӀоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца. 24 И дерриг а АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дилла. ТӀаккха цаьрга и хӀуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайийта. 25 Юха, цаьргара схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀина тӀехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду.

26 АхӀарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа иза.

27 Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а. 28 ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь.

29 АхӀаронна дина деза духарш цуьнан кӀенташна дуьсур ду, и духарш шайна тӀехь а долуш, уьш, тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбархьама. 30 ВорхӀ дийнахь и духарш лело деза АхӀаронан метта веанчу цуьнан кӀентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гӀуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас.

31 АхӀарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде. 32 Гуламан четаран неӀарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а. 33 АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а къинош дӀадахаран Ӏадатехь, Суна хьалха гӀуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна. 34 Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Ӏуьйре тӀекхаччалц хӀума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хӀунда аьлча иза беза кхача бу.

35 АхӀаронца а, цуьнан кӀенташца а дан дезарг Ас хьайна тӀе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гӀуллакх дан уьш къобалбар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза. 36 ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта. 37 ВорхӀ дийнахь иштта къа дӀадоккху сагӀанаш даха, кхерч баз а беш. ТӀаккха иза чӀогӀа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду».

ХӀора дийнахь доху сагӀанаш

(Лелар 28:1-8)

38 «ХӀора дийнахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цхьа шо кхаьчна ши Ӏахар сагӀина боккхур бу ахь. 39 Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баккха, важа сарахь баккха. 40 Хьалхарчу Ӏахарца иштта сагӀанаш даха: кхачанан сагӀа санна хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархӀ кад дама, ткъа чагӀаран сагӀа санна биъ кад чагӀар. 41 ШолгӀа Ӏахар сарахь, сагӀа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даккха. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 42 Иштта дагоран сагӀа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хӀуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. 43 Цу меттехь исраилхошна хьалха хӀуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. 44 Гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Ас дӀакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гӀуллакх дайта. 45 Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. 46 Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Ӏархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».

30

Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчах лаьцна

(Арадаккхар 37:25-28)

1 «Акацих хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бе. 2 Иза беакӀов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьӀӀехь маӀаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. 3 ЦӀена деши лаца цунна тӀехула а, гонах а, маӀашна тӀе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца. 4 Серана кӀелахь цуьнан шинна а агӀор деших ши чӀуг е, вукху агӀор а е иштта ши чӀуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чӀагарех. 5 Хьокхий а акацих де, тӀехула деши а лоцуш. 6 Тоьшаллин тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агӀор хӀоттабе и кхерч. Тоьшаллин тӀорказна тӀехула къинош дӀадахаран негӀарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хӀуттучу меттехь. 7 Цу кхерчана тӀехь АхӀарона хаза хьожа йогӀу хӀума ягор ю. ХӀора Ӏуьйранна, къуьданаш цӀандечу хенахь, цу кхерчана тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума яго еза АхӀарона. 8 Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тӀехь яго еза цо хаза хьожа йогӀу хӀума. ТӀейогӀу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. 9 Цу кхерча тӀехь кхин йолу хӀума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш ма даха цу тӀехь, иштта, чагӀаран сагӀа ма дитта цу тӀе. 10 Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».

Делан четарна луш йолу ял

11 Везачу Эло Мусага элира: 12 «Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хӀоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хӀумма а ца хилийтархьама. 13- 30:13 Арадаккхар 38:25, 26; Маттай 17:24. ХӀораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер+ 30:13 *Гер *– цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.* догӀу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагӀа ду. 14 Ткъа шарал тӀехваьлла волчо хӀораммо а Везачу Элана и сагӀа дала деза ша вагарвечу хенахь. 15 Хьал долчо сов а ца луш, къечо кӀезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хӀораммо а. 16 Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гӀуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш».

Юьхь-куьгдуьлургах лаьцна

17 Везачу Эло Мусага элира: 18- 30:18 Арадаккхар 38:8. «ЦӀастанан юьхь-куьгдуьлург е цӀано ян, цӀастанах цуьнан бух а бе. Иза гуламан четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттаяй, цу чу хи дотта. 19 АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта. 20 Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегӀах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерча тӀебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа даккхархьама. 21 Бала ца балархьама шайн куьйгаш а, когаш а хица дила деза цара. Царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза».

Къобалван тӀедуттуш долу даьтта

22- 30:22-38 Арадаккхар 37:29. Везачу Эло Мусага элира: 23 «Хаза хьожа йогӀу уггар тоьлла хӀуманаш схьаэца: шийтта герка+ 30:23 *Шийтта герка *– ма-дарра аьлча, Ӏебархойн маттахь дӀаяздина ду: *пхи бӀе шекхал. *Ткъа цхьа шекхал итт грамм барамал яра.* коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а, 24 шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. 25 Оцу дерригенах а тӀедуттуш долу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. 26 Гуламан четарна а, тоьшаллин тӀорказна а, 27 стоьлана а, цу тӀехь лаьттачу хӀуманашна а, стогарна а, цуьнан гӀирсана а, хаза хьожа йолу хӀума ягочу кхерчана а, 28 дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а, цӀано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тӀе дотта иза. 29 Иштта язъе и хӀуманаш, тӀаккха уьш чӀогӀа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду. 30 АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, тӀе даьтта а доттий, базбе, Суна гӀуллакх деш динан дай царах хилийта. 31 Исраилхошка дӀаала: „Шун тӀаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза. 32 Хийрачу нехан догӀмашна тӀе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Ӏалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чӀогӀа деза ду, шуна деза хила а деза иза. 33 Цунах тера даьтта а кечдина, иза хийрачу стагана тӀе дуттург шен халкъана юкъара эккхор ву“».

Хаза хьожа йогӀу сегӀаз

34 Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогӀу сегӀазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цӀена ливан а цӀе йолу хӀуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. 35 Хаза хьожа йогӀу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегӀаз кечде цу хӀуманех. Цу чу туьха таса, иза цӀена а, деза а хилийтархьама. 36 Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогӀун волчохь, тоьшаллин тӀорказна хьалха дилла. Шуна чӀогӀа еза хӀума хир ю иза. 37 И санна хаза хьожа йогӀу сегӀаз шайна ма делаш, Везачу Элана лерина бен хила йиш яц и еза хӀума. 38 Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегӀаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву».

31

Пхьерех лаьцна

(Арадаккхар 35:30–36:1)

1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. 3 Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: 4 говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, 5 дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. 6 Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб велира Ас цунна гӀоьнна. ХӀора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тӀедиллинарг цаьрга кхочушдайта. 7 Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тӀорказ а, цу тӀе негӀар а, четаран берриг а гӀирс а, 8 стол а, цуьнан гӀирс а, цӀеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гӀирс а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, 9 дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 10 динан дайн деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш), 11 къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогӀу сегӀаз а – дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара».

Шоьтан садоӀу де ларар

12 Везачу Эло Мусага элира: 13 «ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. 14 Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. 15- 31:15 Арадаккхар 20:8-11; 23:12; 34:21; 35:2; Ӏамалъяр 23:3; Карлабаьккхинарг 5:12-14. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де – Везачу Элан дуьхьа дӀакъастош долу дуьззина садаӀаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. 16 Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоӀу де, шайн тӀаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. 17- 31:17 Арадаккхар 20:11. Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна, хӀунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь Цо, Ша динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, садаьӀна“».

18 Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.

32

Дашо старгӀа

(Карлабаьккхинарг 9:6-29)

1- 32:1 Векалийн 7:40. Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна+ 32:1 *Дела ве тхуна *– я иштта: *цхьаболу деланаш бе тхуна.*».

2 АхӀарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кӀентийн а, йоӀарийн а лергех йохку дашо чӀагарш, схьа а яхий, со волчу схьая». 3 Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чӀагарш схьа а яьхна, уьш АхӀаронна схьаеара. 4- 32:4 Векалийн 7:41. Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш.

ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела+ 32:4 *Хьан дела ву хӀара *– я иштта: *хьан деланаш бу хӀорш.* ву хӀара, Исраилан халкъ!»

5 Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагӀа доккху меттиг а кечйина, АхӀарона дӀахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». 6- 32:6 1 Коринтхошка 10:7. ШолгӀачу дийнахь, хьалххе хьала а гӀевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш.

7 Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. 8 Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара+ 32:8 *Хьан дела ву хӀара *– я иштта: *хьан деланаш бу хӀорш.*, Исраилан халкъ!“» 9 Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. 10 ХӀинца вита Со, царна Сан оьгӀазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хӀаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас».

11- 32:11-14 Лелар 14:13-19. Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тӀе Хьайн оьгӀазалла иштта хӀунда юссуьйту Ахь? 12 Мисархошка хӀунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тӀера хьаькхна дӀабаха а“. Хьайн оьгӀазло дӀа а яккхий, дохко а валий, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ. 13- 32:13 Доладалар 22:16, 17; Доладалар 17:8. Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“». 14 ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.

15 Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара. 16 И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тӀехь долу йоза а Дала яздина дара.

17 Наха ен гӀовгӀанаш а хезна, ЮшаӀа Мусага элира: «ТӀеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь».

18 Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду».

19 Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо. 20 Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо. 21 «ХӀокху наха хьуна хӀун дина, сел чӀогӀа къа ахь кхаьрга латадайта?» – аьлла, хаьттира Мусас АхӀароне.

22 «ОьгӀаз ма гӀолахь, сан эла, – аьлла, жоп делира АхӀарона, – хьуна ма хаьа, хӀара халкъ вониг дан атта дӀадоьрзийла. 23 Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна+ 32:23 *Дела ве тхуна *– я иштта: *цхьаболу деланаш бе тхуна.*“. 24 Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, – аьлла. Цара схьаделча, ас иза цӀерга кхоьссира, цунах хӀара старгӀа хилира».

25 Мусана гира халкъан эргӀаддалар, АхӀарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагӀашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хӀинца. 26 Шайн меттаматтан кевнехь дӀа а хӀоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тӀевола!» Берриг а левихой цунна тӀебахара. 27 Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“». 28 Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара. 29 ТӀаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хӀунда аьлча шайн кӀенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина».

30 ШолгӀачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХӀинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас». 31 Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина+ 32:31 *Дела а вина *– я иштта: *деланаш а бина.*. 32- 32:32 Довзийтинарг 3:5. ХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера».

33 Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тӀера дӀавойур ву. 34 ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».

35 АхӀарона дина старгӀин сурт бахьана долуш, халкъана таӀзар дира Везачу Эло.

33

Синай-лам болчуьра дӀагӀо аьлла, дина омра

1- 33:1 а: Доладалар 12:7; б: Доладалар 26:3; в: Доладалар 28:13. Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца. 2 Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаӀанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу. 3 Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе кхочур ду шу. Со шуьца вогӀур вац, новкъахь шу хӀаллак ца дархьама, хӀунда аьлча шун халкъ чӀогӀа аьрха ду».

4 И гӀайгӀане дешнаш а хезна, нах тийжа хӀиттира, цхьаммо а шен дашо хӀуманаш дегӀа тӀе ца оьхкира. 5 ХӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДӀаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дӀавеача а, Ас атта хӀаллакдийр дара шу. Шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хӀун дан деза“». 6 Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаехира.

Гуламан четар

7 Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура. 8 Муса гуламан четарна тӀеволавелча, дерриг а халкъ хьалагӀоттура. ХӀора а, шен четарна хьалха а хӀуттий, Мусана тӀаьхьа хьоьжуш Ӏара, иза четарна чу ваххалц. 9 Муса четарна чу вахча, мархин бӀогӀам, охьа а богӀий, четарна чу воьдучохь соцура, тӀаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора. 10 ХӀоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бӀогӀам халкъана гича, хӀора а лохха охьатаьӀара шен четарна хьалха лаьттачохь. 11 Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.

Шен халкъаца хир ву аьлла, Везачу Эло йина чӀагӀо

12 Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, – Айхьа аьллашехь. 13 Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидӀа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хӀара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар».

14 Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогӀур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу».

15 Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогӀур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа. 16 Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?»

17 Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна».

18 ТӀаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна».

19- 33:19 Римхошка 9:15. Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду». 20 Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». 21 Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тӀе дӀахӀотта. 22 Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хӀоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тӀехваллалц. 23 Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тӀехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».

34

ТӀулган керла экъанаш

(Карлабаьккхинарг 10:1-5)

1 Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса. 2 Кхана Ӏуьйранна кийча хила. Синай-лам тӀе хьала а валий, Суна хьалха хӀотта ламанан бохь тӀехь. 3 Хьоьца лам тӀе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тӀехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш». 4 Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.

5 Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхӀува (Веза Эла) аьлла, Шен цӀе яьккхира Цо. 6- 34:6, 7 Арадаккхар 20:5, 6; Лелар 14:18; Карлабаьккхинарг 5:9, 10; 7:9, 10. Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхӀува йолчу цӀарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгӀаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, 7 Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».

8 Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса. 9 Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дӀаволахьа. ХӀара халкъ чӀогӀа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дӀаэцахьа тхо».

Барт карлабаккхар

(Арадаккхар 23:14-19; Карлабаьккхинарг 7:1-5; 16:1-17)

10 Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу. 11 ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. 12 Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. 13- 34:13 Карлабаьккхинарг 16:21. Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.

14 Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. 15 Ларлолахь, цу махкахь Ӏаш болчу нахаца берта ма гӀолахь, хӀунда аьлча, Соьгара дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттича, царна сагӀанаш даьхча, хьо дӀакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагӀанаш даа там бу ахьа. 16 Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.

17- 34:17 Арадаккхар 20:4; Ӏамалъяр 19:4; Карлабаьккхинарг 5:8; 27:15. ЦӀуш ма бе хьайна.

18- 34:18 Арадаккхар 12:14-20; Ӏамалъяр 23:6-8; Лелар 28:16-25. Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.

19- 34:19 Арадаккхар 13:2. Доьзалехь дуьххьара хилла кӀант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба – я уьстагӀ, я газа – Сан ду. 20- 34:20 Арадаккхар 13:13. Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа айхьа иза паргӀат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кӀентех а мах ло.

Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгӀат а доцуш.

21- 34:21 Арадаккхар 20:9, 10; 23:12; 31:15; 35:2; Ӏамалъяр 23:3; Карлабаьккхинарг 5:13, 14. Ялх дийнахь болх бе, ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа. Ур-атталла ялта дӀадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаӀа.

22- 34:22 а: Ӏамалъяр 23:15-21; Лелар 28:26-31; б: Ӏамалъяр 23:39-43. Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.

23 Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза. 24 Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.

25- 34:25 Арадаккхар 12:10. Дийнатан цӀий Суна сагӀина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма даккха, ткъа Пасахьан сагӀа Ӏуьйренга ма далийта.

26- 34:26 а: Карлабаьккхинарг 26:2; б: Карлабаьккхинарг 14:21. Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба.

Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».

27 Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хӀунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а». 28 Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.

Муса Синай-лам тӀера чувоссар

29- 34:29-35 2 Коринтхошка 3:7-16. Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела. 30 Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тӀебахка ца хӀуьттура АхӀарон а, исраилхой а. 31 Цо шайга тӀекхайкхича, АхӀарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тӀебахара. Цаьрца къамел дира цо. 32 Цул тӀаьхьа массо а исраилхой цунна тӀебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тӀехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас. 33 Нахаца къамел динчул тӀаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо. 34 Везачу Элана хьалха хӀоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хӀума дӀайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тӀедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо. 35 Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.

35

Шоьтан садоӀучу дийнах лаьцна тӀедиллинарг

1 Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду: 2- 35:2 Арадаккхар 20:8-11; 23:12; 31:15; 34:21; Ӏамалъяр 23:3; Карлабаьккхинарг 5:12-14. ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву. 3 Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае».

Делан четарна лерина совгӀаташ

(Арадаккхар 25:1-9)

4 Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду: 5 шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а, 6 сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, 7 цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а, 8 къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, 9 оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а».

Делан четарна лерина хӀуманаш

(Арадаккхар 39:32-43)

10 «Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза: 11 деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а, 12 бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а, 13 стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а, 14 четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а, 15 хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а, 16 дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 17 кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а, 18 четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а, 19 Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)».

Халкъо деана совгӀаташ

20 Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара. 21 Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара. 22 Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо – божарша а, зударша а – мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана. 23 Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара. 24 Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза. 25 Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара. 26 И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора. 27 Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара, 28 ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан. 29 Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.

Делан четар деш болу пхьераш

(Арадаккхар 31:1-11)

30 Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу. 31 Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. 32 Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, 33 деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а. 34 Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо. 35 Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».

36

1 « Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхӀлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тӀе-ма-диллара дан деза».

2 Мусас Бацалиал а, ОхӀлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тӀекхайкхира и болх бан. 3 Исраилхоша Делан четар дарна еана хӀуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хӀора Ӏуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгӀатна лерина гӀирсаш. 4 Юха Делан четарна тӀехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тӀебаьхкира. 5 Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гӀирсаш».

6 ТӀаккха Мусас халкъе дӀакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хӀумма а ма я аьлла. Цул тӀаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хӀуманаш. 7 Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хӀинцале а схьакхехьна хӀуманаш!

Делан четар дар

(Арадаккхар 26:1-37)

8 Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хӀиттира. Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тӀе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара. 9 ХӀора шаршу йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера. 10 Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара. 11 Сийначу кӀадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира. 12 Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара. 13 Шовзткъе итт дашо мӀара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тӀаккха цхьа четар хилира цунах.

14 Юха газанан тӀергӀах четарна тӀехула лаца цхьайтта шаршу йира цара. 15 Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш. 16 Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара. 17 Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тӀе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира. 18 Уьш туьйдаргех дӀатасархьама, цара шовзткъе итт цӀестан мӀара йира, тӀаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира. 19 Четарна тӀехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.

20 Акацин дечигах ирахӀиттийна гураш кечдира цара четарна. 21 Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 22 ХӀора гуран ши зӀок йинера цара, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара. 23 Четаран къилбехьа йолчу агӀор хӀоттийнарг ткъа гур бара. 24 Оцу ткъа гурана уьш тӀехӀитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зӀакарна кӀел ши бух, вукху гуран шина зӀакарна а ши бух. 25 Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор хӀотто а ткъа гур бира цара. 26 Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кӀел а хӀоттош. 27 ТӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор бинарг ялх гур бара. 28 Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а бира. 29 Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера. 30 Иштта, бархӀ гур бара, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана кӀел шишша бух.

31 Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агӀор долчу гурашна лерина бара, 32 важа пхиъ вукху агӀор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тӀехьа агӀор долчу гурашна а бара. 33 Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. 34 Гурашна а, хьокхешна а тӀехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших йира.

35 Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тӀехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира. 36 Кирхьанна акацих биъ бӀогӀам а бина, царна тӀе деши а лецира, тӀехь дашо зӀакарш а йира. БӀогӀамашна биъ дато бух а бира. 37 Четарна чуволлучу олла тӀехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а. 38 Цу шаршуна пхи бӀогӀам бира, тӀехь мӀараш а еш. БӀогӀамийн лакхенашна а, царна тӀера дӀатосургашна а тӀе деши лецира, ткъа лахахь цӀестан пхи бух бира цара.

37

Бартбаран тӀорказ дар

(Арадаккхар 25:10-22)

1 Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. 2 ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира 3 Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ – цхьана агӀор, важа шиъ – вукху агӀор. 4 Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо. 5 Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама. 6 ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 7 Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала. 8 Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна. 9 Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш.

Даздина баьпкаш тӀедохку стол яр

(Арадаккхар 25:23-30)

10 Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 11 ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. 12 Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо. 13 Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо. 14 Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера. 15 Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш. 16 Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама.

Стогар бар

(Арадаккхар 25:31-40)

17 ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера. 18 Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор. 19 Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш. 20 Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара. 21 Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра. 22 Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра. 23 ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала. 24 Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт+ 37:24 *Пунт *– иза ялхитта кийла ю.* цӀена деши дара.

Хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бар

(Арадаккхар 30:1-5)

25 Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш. 26 Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна. 27 Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа. 28 Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш.

Къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а яр

(Арадаккхар 30:22-38)

29- 37:29 Арадаккхар 30:22-38. Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.

38

Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бар

(Арадаккхар 27:1-8)

1 Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. 2 Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира. 3 Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра. 4 ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш. 5 Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира. 6 Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш. 7 Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.

ЦӀестан юьхь-куьгдуьлург яр

(Арадаккхар 30:18)

8- 38:8 Арадаккхар 30:18. Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.

Делан четаран керт яр

(Арадаккхар 27:9-19)

9 Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира. 10 Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. 11 Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра. 12 Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. 13 Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра. 14 Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара. 15 Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира. 16 Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра. 17 БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара. 18 Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш. 19 Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара. 20 Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара.

Делан четар деш дӀаяьлла коьчал

21 ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.

22 Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. 23 Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.

24 Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара+ 38:24 *Шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а *– вайн лелачу барамехь иза цхьа эзар кийла ю.*, деза шекхал олучу барамехь оьзна. 25- 38:25, 26 Арадаккхар 30:11-16. Багарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал+ 38:25 *Ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал *– вайн лелачу барамехь иза кхо эзар йиъ бӀе шовзткъе итт кийла ю.* дара. 26- 38:26 Маттай 17:24. Багарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. 27 БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира. 28 Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира. 29 СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а+ 38:29 *Цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а *– вайн лелачу барамехь иза ши эзар йиъ бӀе ткъе пхи кийла ю.* дара. 30 Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира. 31 Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира.

39

Динан дайшна духарш дар

(Арадаккхар 28:1-14)

1 Сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах динан дайшна Делан цӀа чохь гӀуллакх дан духарш кечдира цара, ткъа иштта АхӀаронна а дира деза духарш, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. 2 Ийпад цӀе йолу тӀеюху хӀума йира цара дешин тех а, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а эхангах а, ветанах динчу хьовзийначу тех а. 3 Дуткъадеш нисдинчу дешин экъанех, хеда а деш, дашо теш а даьхна, уьш, хаза дуцуш, сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀечу а тешна юкъалецира цара. 4 Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур бира цара, цаьрца ийпадан ши агӀор цхьаьнатесна хилийта. 5 Ийпадна тӀехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара 6 Пхьераша, мухӀар тӀе язъеш ма-хиллара, Исраилан кӀентийн цӀераш тӀе а язйина, оникс цӀе йолу деза тӀулгаш хӀиттийра дашо беттанаш чу. 7 Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тӀехь дӀанисдира цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. Цу тӀулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара.

Некха хьалха уллург кечъяр

(Арадаккхар 28:15-30)

8 Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг бира цара. 9 Иза беакӀов а, шалха а яра, йохалла а, шоралла а барамана цхьа ше а йолуш. 10 Пхьераша беа могӀарехь деза тӀулгаш дехкира цунна тӀе. Хьалхарчу могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а цӀераш йолу тӀулгаш дара. 11 ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цӀераш йолу тӀулгаш дара. 12 КхоалгӀачу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а дара. 13 БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тӀулгаш дашо гураш чохь дара. 14 Берриг а цу бедар тӀехь шийтта тӀулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, дӀаязйина шийтта тайпанан цхьацца цӀе яра. 15 ЦӀеначу деших йина юьйцина ши зӀе яра некха тӀе уллучу бедарна тӀехь. 16 Пхьераша йина дашо ши ботт а, дашо ши чӀуг а яра цу тӀехь. Ши чӀуг некха хьалхарчу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесна яра. 17 Юьйцина йолу ши зӀе, чӀагарех чекх а яьхна, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмаган шина йисте дӀатесира пхьераша. 18 Ткъа зӀенийн важа ши чаккхе, шина дашо батта чу а тесна, ийпадан хьалхарчу агӀор гура тӀехь дӀанисйира. 19 Кхин ши дашо чӀуг а йина, некха хьалха уллучу бедаран вукху шина йисте, ийпадехьа йолчу чухула агӀор тийгира пхьераша. 20 Кхин а дашо ши чӀуг а йина, ийпадан белшашкахь болу шина гурана лахо, хьалха агӀор тийгира, и гураш ийпадан доьхкарна тӀехула хотталучохь. 21 Некха хьалха уллучу бедаран чӀагарш ийпадан чӀагарех дӀатесира сийначу тӀергаца. Иза иштта динера, некха хьалха уллург ийпадах къаьстина ца хилийтархьама, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

Динан дайшна лерина кхин духарш

(Арадаккхар 28:31-43)

22 Юха ийпадна бухахо сийначу тӀергӀан юьйцинчу кӀадих оба йира цара. 23 Корта чекхбаккха цу обанна юккъехь Ӏуьрг даьккхира, ткъа йистош яста ца ялийта, кӀади а лоцуш, дӀатийгира. 24 Обанан юьхана сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀначу-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а Ӏежан суьртехь дина оьргаш оьхкира. 25 ЦӀеначу деших дина горгалеш оьхкира Ӏежашна юккъе. 26 Ӏаж а, горгали а хийцалуш дара обанан юха тӀехь. И бедар Далла лерина гӀуллакх дечу хенахь динан дас тӀеюха езаш яра, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

27 АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуткъачу дуьйцинчу кӀадих кучамаш тийгира. 28 Чалба а, коьртах йоьхку хӀуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кӀадих. 29 Юха дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара. 30 ЦӀеначу деших йина аса яра дезачу тажана лерина, цу тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, яздинера: «Везачу Элана къобалдинарг» аьлла. 31 Куйна тӀехула иза дӀаехка цу тӀе сийначу эхангах йина тӀийраг тесира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

Болх чекхбаккхар

(Арадаккхар 35:10-19)

32 Нах гулбеш болчу Делан четарна лерина болу болх чекхбелира. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша. 33 Мусана четар а, цунна богӀу берриг а гӀирс а, чӀагарш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, лаха лоцурш а схьаеара. 34 Четарна тӀетуху цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканех йина кхалор а, тӀаьрсиган кхалор а, дезачу цӀа чу волуш оьллина шаршу а гайтира исраилхоша цунна. 35 Тоьшаллин тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а гайтира исраилхоша цунна. 36 Шен гӀирсашца а, цу тӀе диллинчу дезачу баьпкаца а йолу стол а гайтира. 37 ЦӀеначу деших йина, шена тӀехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гӀирс а, дагош долу даьтта а гайтира. 38 СагӀа доккху дашо кхерч а, нахана а, хӀуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тӀехьокху даьтта а, хаза хьожа йогӀу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира. 39 СагӀа доккху цӀестан кхерч а, цуьнца болу цӀестан цаца а, хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, юьхь-куьг дуьлу бога а, цуьнан бух а гайтира. 40 УьйтӀе дӀакъовлуш ухку шаршуш а, шайн бӀогӀамашца а, баххашца а, уьйтӀарчу кевнна дуьхьал уллу шаршу а, машшаш а, хьокхий а, нах гулбеш болчу Делан четар чохь Ӏамал дечу хенахь лело гӀирсаш а гайтира. 41 Юха динан дайн духарш (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш) гайтира. 42 Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, бинера исраилхоша берриг а белхаш. 43 Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тӀе-ма-диллара бина хилар. ТӀаккха Мусас уьш декъалбира.

40

Гуламан четар дӀахӀоттор а, къобалдар а

1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дӀахӀоттаде. 3 Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий. 4 Юха, чу а яй, стол а, цу тӀехь хӀиттайо хӀуманаш а дӀахӀиттае. Стогар а схьаба, цу тӀе цуьнан къуьданаш хӀиттабе. 5 Хаза хьожа йоккху хӀума шена тӀехь ягош болу дашо кхерч тӀорказна хьалха хӀоттабе. Четаран неӀарехь шаршу а олла. 6 СагӀина лерина шена тӀехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хӀоттабе. 7 Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хӀоттадай, цу чу хи дотта. 8 Гонах керт а хӀоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла.

9 ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа. 10 СагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а тӀе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тӀаккха иза къаьсттина беза хир бу. 11 Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде.

12 АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, четарна улло а балабай, хица цӀанбе. 13 Даздина духарш АхӀаронна тӀе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гӀуллакх деш динан да хилийта. 14 Цуьнан кӀентий схьа а балабай, царна тӀе а юха кучамаш. 15 Айхьа церан дена тӀе ма-доттара, даьтта дотта царна тӀе а, Суна гӀуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тӀаьхьенаш а хир ю Суна гӀуллакх деш, динан дай а хилла».

16 Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас. 17 Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дӀахӀоттийна Везачу Элан четар. 18 Мусас четар дӀахӀоттийра. Цкъа хьалха бух а хӀоттийна, юха бӀогӀамаш дӀа а хӀиттийна, гураш а хӀиттийна, хьокхий охьадехкира цо. 19 Юха цу четарна тӀехула кхалор а хӀоттийна, тхов тӀе хӀума а йиллина, иза дӀакъевлира, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

20 ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас. 21 ТӀорказ, четар кӀел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дӀакъевлира цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.

22 Четара кӀел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агӀор стол хӀоттийра цо. 23 Цу тӀе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хӀиттийра цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

24 Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хӀоттийра. 25 Везачу Элана хьалха къуьданаш хӀиттийра Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара. 26 Четарна кӀелахь шаршуна хьалха шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу дашо кхерч хӀоттийра цо. 27 Цу тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийра Мусас, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

28 Четаран неӀарехь шаршу оьллира цо. 29 Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хӀоттийра цо. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀенан сагӀанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.

30 Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттийна, цу чу хи доьттира цо. 31 Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь. 32 ХӀоразза а четарна кӀел доьлхуш а, кхерчана тӀе доьлхуш а дегӀан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

33 Четарна а, кхерчана а гонах керт а хӀоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.

Четарна тӀехула марха хӀоттар

(Лелар 9:15-23)

34- 40:34 Сулим 8:10, 11; ЕшаӀ-ЯхӀу 6:4; Яхьазкхиал 43:4, 5; Довзийтинарг 15:8. Делан четарна гонах марха хӀоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. 35 Муса Делан четарна кӀел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. 36 Делан четарна тӀера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой. 37 Марха Делан четарна тӀехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дӀа ца боккхура. 38 Дийнахь Везачу Элан марха четарна тӀехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цӀе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.