Эсират
Дешхьалхе
Эсират цӀе йолчу тептар тӀехь дуьйцуш долу хӀуманаш парсихойн паччахьан Ӏаьнан цӀа чохь хилла ду. Жуьгти йолу Эсират цу дийцаран турпалхо ю. Шен йоккхачу майраллица а, тешаме хиларца а мостагӀаша хӀаллакдарх шен халкъ кӀелхьардоккху цо. Жуьгтийн динан «Пурим» олучу дезачу дийнан схьадалар а, цуькан маьӀна а туьду цу тептаро.
1Паччахьан зудчо Вашатис паччахье ла ца дугӀу
1- 1:1 Ӏезар 4:6. ХӀара хӀума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина+ 1:1 *Инди *– кхузахь Инди аьлла цӀе йоккхуш йолу меттиг хӀинцалера Пакистан лоруш ю.* тӀера Хуша-махкана+ 1:1 *Хуша-мохк *– Хуша аьлла долу латтанаш Нил хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏохкуш долу латтанаш ду. Царна юккъе догӀуш ду Мисар-мехкан къилбехьа Ӏохкуш долу латтанаш а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латтанаш а, иштта хӀинцалерачу Эфиопина къилбаседехьа долу латтанаш а.* тӀекхаччалц йолчу цхьа бӀе ткъе ворхӀ меттигна тӀехь. 2 Кху дийцар тӀехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гӀалин гӀопахь лаьтташ долчу паччахьан гӀанта тӀера паччахьалла дора.
3 Ша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гӀуллакх деш болчарний лерина той хӀоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цӀийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кӀел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. 4 И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.
5 И бӀе дезткъа де дӀадаьллачул тӀаьхьа паччахьо Шушан-гӀалин гӀопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дӀахӀоттийра. И той ворхӀ дийнахь лаьттира паччахьан цӀийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тӀера уггар а хьалдолчу стагана тӀекхаччалц волу цу гӀопара массо а вахархо. 6 И керт яра кӀайчу а, сийначу а басахь долчу втанан кӀадешца кечйина. Уьш кӀайн а, цӀарула-цӀен а долчу кӀадинах йинчу тӀергашца шагатӀулган бӀогӀамашна тӀе даточу хӀазаршца дӀатесна яра. Деших а, детих а йина садаӀа меттигаш яра уьйтӀахь кечйина. И уьйтӀе, баьццара тӀулгаш а, шагатӀулгаш а, лахьорчах+ 1:6 *Лахьорч *– хӀорда чохь хуьлучу садолчу хӀуманан цӀа.* йоккхуш йолу хӀума а, иштта Ӏаьржа тӀулгаш а дехкина, кечйина яра. 7 Хьешашна тӀекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагӀар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара. 8 Ца луучунна малар малийтар тӀе ца дожадора, хӀунда аьлча паччахьо дина омра дара, хӀоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.
9 Паччахьан зудчо Вашатис а хӀоттийнера паччахьан цӀа чохь болчу зударшна лерина долу той.
10 ВорхӀалгӀачу дийнахь, шен дог чагӀар бахьана долуш самукъадаьлла дӀахӀоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьӀна волчу ворхӀ ялхочуьнга МахӀу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигӀатига, АбагӀтига, Зитарга, иштта КӀаркасе а омра дира, 11 шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тӀехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дӀагайта. Зуда-паччахь Вашати чӀогӀа хаза яра. 12 Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьӀначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан.
Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара. 13 Ӏедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гӀуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дӀаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хӀун дан деза аьлла. 14 Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цӀераш яра: Каршани, ШетӀур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхӀ эла паччахьна паргӀат тӀекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара. 15 Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гӀиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хӀун таӀзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».
16 ТӀаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Ӏа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке. 17 Вашатис динарг шайна дӀахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дӀахӀуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“. 18 ХӀинцачул тӀаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дӀахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю. 19 Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дӀакхайкхо беза. И лакхарчу Ӏедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дӀа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дӀадала деза паччахьо. 20 И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дӀахиъначул тӀаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цӀе яхна болчарна тӀера дуьйна кӀезигчу нахана тӀекхаччалц».
21 Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чӀогӀа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тӀеийцира. 22 Цо шен пачхьалкхан массо а маьӀӀе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хӀора меттиган абатан низамехь а, хӀора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тӀехь аьлла дара, хӀора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цӀахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.
2Эсират паччахьан зуда хуьлу
1 ТӀаьхьо, шен оьгӀазалла дӀаяьлча, Ахьаш-Варуша Вашатих лаьцна ойла йора. Цо динчух а, ша иза бахьана долуш бинчу сацамах а лаьцна яра цуьнан ойла. 2 ТӀаккха цунна уллохь болчу ялхоша элира: «Паччахьна къона а, хаза а мехкарий лаха беза. 3 Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьӀӀера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тӀаьхьа уьш Шушан-гӀалин гӀопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Ӏаш долчу цӀа чу а дигна, ваьӀна волу коьрта ялхо волчу ХӀигайн куьйга кӀел охьаховшо деза, хӀоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла. 4 Паччахьна хазахетта йолу йоӀ Вашатин метта дӀахӀотто еза».
Паччахьна и хьехам чӀогӀа тайра, цундела цо иза кхочушбан омра дира.
5 Шушан-гӀалин гӀопахь вехаш Ӏаш цхьа жуьгти хилла, Мардахай цӀе а йолуш, Бен-Яманан тайпанах а волуш. Иза Къушин кӀант волчу ШамаӀин кӀентан Яиран кӀант хилла. 6- 2:6 2 Шерашкахь 36:10. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь паччахь волу ЯхӀу-Яхин Ярушалайм-гӀалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла. 7 Цуьнан, ХӀадаси цӀе а йолуш, ден вешин йоӀ хилла. ЙоӀан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХӀадасин дай-наний кхелхинчул тӀаьхьа, цо шен йоӀ санна лелош хилла иза. ХӀадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цӀе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегӀ а чӀогӀа хаза а, куц долуш а дара.
8 Паччахьан сацам нахана дӀахаийтинчул тӀаьхьа дукха зудабераш схьадалийра Шушан-гӀалин гӀопе. Уьш паччахьан зударий ларбеш волчу ХӀигайн куьйга кӀел дӀаделира. Эсират а, паччахьан гӀишлошна чу а ялийна, ХӀигайн куьйга кӀел дӀаелира. 9 ХӀигайнна чӀогӀа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гӀуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхӀ йоӀ а елира. Эсират а, цуьнан гӀуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Ӏаш болчу цӀийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо.
10 Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хӀума ца дуьйцура, хӀунда аьлча Мардахайс цунна, хӀумма а ма дийца аьлла, тӀедиллинера. 11 Мардахай хӀора дийнахь зударий Ӏаш болчу цӀийнан кертана уллохь лелаш хуьлура, хӀунда аьлча цунна хаа лаьара, Эсиратан хьал-де муха ду.
12 Ахьаш-Варуш-паччахьан цӀа чу яхале, хӀора йоӀа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура – ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духӀиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш. 13 Цул тӀаьхьа иза паччахьан цӀа чу йоьдура. Иза паччахьан цӀа чу йоьдуш, зударий Ӏаш болчу хӀусамера ша езаялийта шена луъург схьаэца магийна дара. 14 Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Ӏуьйранна паччахьан зударий болчу дӀайоьдуш хилла, ШаӀа-Шагиз бохуш цӀе а йолуш, паччахьан гӀарбаш-зударшна тӀехь Ӏуналла деш волчу ваьӀна ялхочун куьйга кӀел. Паччахьан цӀа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоӀ, цо цӀе а яьккхина, цуьнга дӀакхайккхалц.
15 ТӀаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тӀекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХӀаилан йоӀ йолу Эсират Мардахайс, шен йоӀ санна, тӀелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьӀначу ялхочо ХӀигайс шена хьехам бинарг бен, хӀумма а ца дийхира цо. Эсират дӀагинчарна массарна а хазахеташ хилла. 16 Паччахьан цӀа чу Ахьаш-Варуш волчу Эсирате дӀакхайкхира цуьнан паччахьалла лаьттачу ворхӀалгӀачу шеран уьтталгӀачу Табат олучу баттахь. 17 Паччахьна Эсират массо а зударел а дукхаезаелира. Цундела иза цуьнца дика а вара, цунна реза а вара. Ахьаш-Варуша Эсиратан коьрта тӀе паччахьан таж а диллира, иза Вашатин метта паччахьан зуда йина дӀа а хӀоттийра. 18 Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хӀоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дӀахӀоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгӀаташ дахьийтира.
Мардахайс паччахьан са кӀелхьардоккху
19 Зудабераш, паччахьца хиллачул тӀаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀедиллина долу гӀуллакхаш деш хилла. 20 Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоӀ санна, Мардахайн куьйга кӀел ша хиларе терра, Эсирата ладугӀура Мардахайга.
21 Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀехь долу гӀуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цӀа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гӀаролхо волу БагӀтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгӀаз а вахана, иза вен барт беш вуйла. 22 Иза шена хиъча, Мардахайс и хӀума паччахьан зуда йолчу Эсирате дӀадийцира, ткъа Эсирата иза Ахьаш-Варуш-паччахье дийцира. Мардахайн цӀарах цо иштта хаам а бира. 23 Мардахайс аьлларг теллинчул тӀаьхьа, паччахьна дӀахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гӀаролхо дитта тӀехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гӀуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тӀехь дӀаяздира.
3ХӀаман жуьгтий хӀаллакбан дагахь ву
1 Цул тӀаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чӀогӀа сий деш, хьалаайинера агӀагхо+ 3:1 *АгӀагхо *– АгӀаг Ӏамалекхахойн паччахь хилла, ткъа Ӏамалекхахой хьалхарчу заманахь дуьйна жуьгташца мостагӀаллехь Ӏаш бара.* волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дӀахӀоттийнера. 2 Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болу массо а элий, ХӀаманна хьалхахь охьа а теӀаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тӀедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьӀара ХӀаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. 3 Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хӀунда ца до ахьа?» 4 ХӀора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХӀаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТӀаккха элаша иза ХӀамане дӀадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дӀадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла. 5 Шена Мардахайс, охьа а таьӀаш, корта ца беттар гича, ХӀаман чӀогӀа оьгӀазвахара. 6 Цунна кӀезиг хӀума хийтира цхьа Мардахай вийна Ӏар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хӀаллакбан бахьана лоьхура.
7 Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгӀачу шеран Нисан цӀе йолчу хьалхарчу баттахь ХӀаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хӀаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цӀе йолчу шийтталгӀачу беттан кхаж белира.
8 Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХӀамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьӀӀехь дӀасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Ӏедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дӀахӀоттийна долу Ӏедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. 9 Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хӀаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дӀадала».
10 ТӀаккха паччахьо шен пӀелга тӀера мухӀар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагӀа волчу а, агӀагхо волчу а ХӀамдатин кӀанте ХӀамане дӀаделира. Цо иза, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, шен омра чӀагӀдеш дӀаделира. 11 Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀара дети хьуна дӀаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де».
12 Хьалхарчу беттан кхойтталгӀачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХӀаманан омранаш дӀаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хӀора меттиган куьйгалхошка а, хӀора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цӀарах яздина дара, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина а дара. 13 Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьӀӀе дӀасадаьхьира. Цу кехаташ тӀехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хӀаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгӀачу Адар беттан кхойтталгӀа де. 14 ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехат тӀехь дӀаязбина сацам, нахана хьалха дӀа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама.
15 Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гӀалин гӀопахь долчу халкъана дӀабийшира. Паччаххьий, ХӀаманний молуш Ӏаш вара, ткъа Шушан-гӀалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара.
4Мардахайс Эсирате гӀо доьху
1 Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тӀера бедарш этӀийра. Цо, вон тӀедеача юхуш йолу бедарш шена тӀе а юьйхина, коьрта тӀе чимаш тесира. ЧӀогӀа воьлхуш гӀала аравелира иза. 2 Паччахьан кевнна улло дӀа а вахана, цигахь сецира иза, хӀунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цӀа чу ваха бакъо йолуш вацара. 3 Паччахьан сацам дӀакхаьчначу массо а маьӀӀехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Ӏохкуш бара.
4 Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧӀогӀа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тӀеюха хӀума яхьийтира, цуьнга, шена тӀера сингаттаман духар дӀа а даьккхина, уьш тӀеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира. 5 ТӀаккха Эсирата паччахьо шена тӀехӀоттийна волчу ваьӀначу ялхочуьнга ХӀатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хӀун ду хьажа. 6 ХӀатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гӀалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета. 7 Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хӀума дӀадийцира. Цо иштта цунна дӀахаийтира, жуьгтий хӀаллакбархьама ХӀамана паччахьан хазне охьадилла чӀагӀо йина долу дато ахча мел ду а. 8 Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар. 9 ХӀатахис, юха а веана, Эсирате дӀадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг. 10 ТӀаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира: 11 «Массо а паччахьан гӀуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хӀора зуда, я стаг, ша паччахьо тӀекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Ӏедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гӀаж дӀакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тӀе кхайкхаза ткъе итт де дӀадаьлла».
12 Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дӀадийцира. 13 ТӀаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цӀа чохь хиларна, кӀелхьаръер ю. 14 Нагахь санна хьо хӀинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ӀадӀахь, жуьгташна гӀо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а хӀаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хӀара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж».
15 Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира: 16 «Ваха а гӀой, Шушан-гӀалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тӀера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тӀаьхьа со паччахь волчу гӀур ю, иза Ӏедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».
17 Мардахайс, дӀа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.
5Эсирата паччахьца къамел до
1 КхозлагӀчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тӀе а юьйхина, паччахь чохь волчу цӀийнан чухуларчу кертахь дӀахӀоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гӀанта тӀехь Ӏаш вара паччахьан цӀа чохь, нийсса чувогӀийла йолчу меттигна дуьххьал. 2 Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агӀор шен карахь йолу дашо гӀаж дӀакховдийра. Эсират, тӀе а еана, цу дашочу гӀожан йистах дӀахьакхаелира. 3 ТӀаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хӀума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХӀун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дӀаяла езахь а».
4 Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХӀаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогӀийла луур дара суна».
5 ТӀаккха паччахьо элира: «Сихха ХӀаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХӀаманца цхьаьна шайна Эсирата хӀоттийначу тойне веара. 6 Ша чагӀар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХӀун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дӀалур ю».
7 ТӀаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду: 8 нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХӀаманца цхьаьна аса церан сийнна хӀотто леринчу тойне вогӀур ву. ТӀаккха дӀаэр ду аса паччахье сайна луург».
ХӀаман Мардахайна оьгӀазвахар
9 Цу дийнахь ХӀаман паччахь волчуьра чӀогӀа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХӀара тӀехволуш, Мардахай ХӀаманна хьала а ца гӀаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТӀаккха чӀогӀа оьгӀазвахара иза цунна. 10 Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цӀа ваханчул тӀаьхьа, цо шен доттагӀий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира. 11 ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а. 12 Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне. 13 Амма цу хӀуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргӀат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Ӏаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го».
14 ТӀаккха Зеришата а, массо доттагӀаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бӀогӀам дӀахӀоттабе алий, омра де. Ӏуьйранна паччахье цу тӀехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тӀаьхьа, хьайн дог паргӀат а долуш, паччахьца тойне гӀур ву хьо». И дешнаш ХӀаманна чӀогӀа тайра. Цо омра дира, бӀогӀам дӀахӀоттабе аьлла.
6Мардахайн сийдар
1 Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хӀума дӀаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. 2- 6:2 Эсират 2:21, 22 (Грекийн). Цу тептар тӀехь дӀаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагӀтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хӀума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а. 3 ТӀаккха паччахьо хаьттира: «ХӀун сий а, дика а дина Мардахайна и хӀума бахьана долуш?»
Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хӀума ца дина».
4 Паччахьо хаьттира: «ХӀинца мила ву кертахь?»
Цу хенахь паччахьан цӀийнан арахьарчу керта ХӀаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бӀогӀам тӀе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.
5 Ялхоша жоп делира: «ХӀаман ву кертахь лаьтташ».
Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга».
6 ХӀаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» – аьлла.
Ткъа ХӀаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?»
7 Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хӀара дан деза: 8 хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тӀе паччахьан таж а диллийта. 9 И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дӀало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тӀеюхийта. Цул тӀаьхьа, и стаг цу говрана тӀе а хаавай, гӀалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ – аьлла».
10 Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь».
11 ХӀамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тӀе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гӀалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХӀамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»
12 Цул тӀаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХӀаман гӀийла, юьхьӀаьржачу хӀоттарна шен корта къайла а баьккхина, цӀа ваха сихвелира. 13 Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».
14 Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХӀаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.
7ХӀаман ирхъоллар
1 Паччахь ХӀаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара. 2 Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагӀар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хӀун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дӀаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».
3 ТӀаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХӀара ду-кх сан хьоьга долу дехар, 4 хӀунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хӀаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хӀумма а эр дацара, и хӀума а дина, мостагӀчо паччахьна хилла зе меттахӀоттор доццушехь+ 7:4 *Я иштта: *...хӀунда аьлча бахьана дац цу бохамца паччахь зен.*».
5 ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хӀума динарг мила ву? Схьагайта суна и хӀума дан ваьхьна волу стаг».
6 Эсирата элира: «И буьрса мостагӀа а, зуламе стаг а хӀара ву: ХӀаман!»
Ткъа ХӀаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара. 7 ЧӀогӀа оьгӀазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гӀаьттина, шен цӀенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХӀаман Эсирате, ша кӀелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таӀзар дийр дуйла. 8 Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агӀоръяьлла Ӏаш йолчу меттан йисте воьжна Ӏуьллуш волу ХӀаман. ЧӀогӀа оьгӀазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тӀекхетта хьо!»
Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХӀаманан юьхь къайлаяьккхира. 9 Паччахьан ваьӀначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХӀаманан цӀенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бӀогӀам бу. Иза ХӀамана паччахь воьчуьра кӀелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хӀоттийна бу».
ТӀаккха паччахьо элира: «ХӀаман цу бӀогӀам тӀехь ирхъолла!»
10 ХӀаман ша Мардахайна кечбина болчу бӀогӀам тӀехь ирхъоьллира. Цул тӀаьхьа паччахь оьгӀазваханчуьра юхавирзира.
8Паччахьо, жуьгташна гӀо де аьлла, омра до
1 Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дӀаделира жуьгтийн мостагӀ волчу ХӀаманан цӀенош. Мардахай паччахьна улло веара, хӀунда аьлча Эсирата цунна дӀахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар. 2 ХӀаманера ша схьаяьккхина йолу шен чӀуг, пӀелга тӀера схьа а яьккхина, Мардахайга дӀаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХӀаманан цӀенна тӀехь коьрта тӀехьожург вина, дӀахӀоттийра.
3 Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агӀагхо волчу ХӀамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш. 4 Паччахьо шен дашо гӀаж Эсиратана тӀе хьажийра. Эсирата, хьала а гӀаьттина, паччахьна хьалха дӀа а хӀоьттина, 5 элира: «Паччахь, хьайн цу тӀехь лаам а белахь, хьан бӀаьргашна со езаш а елахь, хьан бӀаьргашна хьалха хӀара нийса а делахь, сан дуьхьа хӀара гӀуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀанта ХӀамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хӀаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош. 6 Муха ловр бу ас сан къомана тӀехӀоьттина болу бохам а, сан гергара нах хӀаллакьхилар а?»
7 ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХӀаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дӀабелла, ткъа иза ша бӀогӀамна тӀе ирхъоьллина. 8 Амма паччахьан цӀарах яз а дина, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина долу кехат цхьаннан а дӀадаккха бакъо яц. ХӀинца аша, шайна бакъахьа хетарг тӀе а яздай, паччахьан цӀарах кехат кечде, иза паччахьан мухӀарца чӀагӀ а де».
9 Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара. 10 Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цӀарах дӀаяздайтира, паччахьан мухӀарца чӀагӀ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дӀасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла). 11 Цу кехаташ тӀехь яздина дара, паччахьо хӀора гӀалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагӀех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хӀаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тӀелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дӀабахьа а. 12 И хӀума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀа де. Жуьгташна и хӀума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь. 13 ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехата тӀера схьаязбина сацам нахана хьалха дӀабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагӀашна бекхам бан кийча хилийтархьама. 14 Паччахьан сацам тӀехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дӀабовзийтира Шушан-гӀалин гӀопахь а.
15 Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен втанан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. 16 Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара. 17 Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.
9Жуьгтийн толам
1 ШийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагӀий, уьш кара а берзош, царна таӀзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагӀа шайна караверзийра. 2 Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гӀаланашка схьагулвелира, шаьш хӀаллакдан Ӏалашо йолуш арабевллачарна тӀелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хӀунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. 3 Массо а меттигера элий а, тхьамданаш а, куьйгалхой а, паччахьан омранаш кхочушдеш болу хьаькамаш а жуьгташна гӀо деш бара, шаьш Мардахайх кхоьру дела. 4 Мардахай паччахьан цӀен тӀехь чӀогӀа дош догӀуш стаг хилла дӀахӀоьттинера. Цуьнан сий пачхьалкхан массо а маьӀӀехула дӀасадаьржира, хӀунда аьлча иза, де дийне мел дели, лакхарчу дарже хьалаваьлла воьдуш вара. 5 Жуьгташа шайн мостагӀий, тарраш детташ, бойуш а хилла, шайн болчу ницкъаца хӀаллакбеш а хилла. Шаьш ца безаш болчарна цара шайна луъург деш хилла. 6 Шушан-гӀалин гӀопахь пхи бӀе стаг вийна хилла цара. 7 Паршандати а, Далпан а, Аспати а, 8 Пурати а, Адал-ЯхӀу а, Аридати а, 9 Пармашти а, Арисай а, Аридай а, Вайзати а вийра цара. 10 Уьш ХӀамдатин кӀентан ХӀаманан итт кӀант вара. ХӀаман жуьгтийн мостагӀа вара. Цундела цара уьш байина дӀабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира.
11 Цу дийнахь паччахьна дӀахиира маса стаг вийна Шушан-гӀалин гӀопахь. 12 Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гӀалин гӀопахь жуьгташа пхи бӀе стаг вийна, царна юкъахь ХӀаманан итт кӀант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хӀун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хӀун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».
13 Эсирата цунна жоп делира: «Паччахьан цу тӀехь лаам белахь, суна луур дара Шушан-гӀалахь болчу жуьгташка кхана а тахана диннарг дойла а, иштта ХӀаманан итт кӀентан декъий дитташна тӀехь ирхъухкийла а». 14 Паччахьо омра дӀаделира иштта дан. Шушан-гӀалахь и сацам дӀабовзийтира. Цара ХӀаманан итт кӀентан декъий ирхъоьхкира. 15 Адар-беттан дейтталгӀачу дийнахь Шушан-гӀалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бӀе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хӀума схьа ца ийцира.
16 Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Ӏаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагӀех шаьш паргӀатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагӀа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна. 17 И хӀума хилира Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дӀахӀоттийра.
18 Ткъа Шушан-гӀалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгӀачу дийнахь цара садоӀуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дӀахӀоттийна хилла. 19 Цундела ярташкахь Ӏаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгӀа де, чӀогӀа самукъане де дина, дӀахӀоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгӀаташ деш а хилла.
Пурим олу деза де
20 Мардахайс, и массо а хӀума дӀа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Ӏаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира, 21 хӀора шеран Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла. 22 И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хӀунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагӀех паргӀатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дӀахӀоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дӀахӀоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгӀаташ дала а, гӀийлачарна сагӀина хӀума яла а дезара. 23 Жуьгташа цу деношкахь шаьш дан долийнарг а, Мардахайс шен кехаташ тӀехь шайна тӀедиллинарг а хазахетарца тӀеийцира.
24- 9:24 Эсират 3:7 (Грекийн). АгӀагхо волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман, массо а жуьгтийн мостагӀа, уьш хӀаллакбан дагахь араваьлла хилла. Цу Ӏалашонца цо, жуьгтий хӀаллакбен де билгалдоккхуш, «пур» тесна а хилла (иза «кхаж» бохург ду). 25 Эсират паччахь волчу яханчул тӀаьхьа, цо керла сацам тӀехь болу кехаташ дахьийтина хилла. Цу сацамо ХӀамана жуьгташна дуьхьал зуламе леринарг цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна хилла: ХӀаман а, цуьнан кӀентий а бӀогӀамашна тӀехь ирхъоьхкина хилла. 26 Цундела «пур» аьллачу дашца цу дезачу дийнан цӀе, «Пурим» аьлла, тиллина хилла. Мардахайс дӀаяздина долу дешнаш а, шайна гинарг а, шайн къомана лерина хилларг а бахьана долуш, 27 жуьгташа а, церан тӀаьхьено а, царна тӀебаьхкинчу наха а хӀора шарахь билгалъяьккхинчу хенахь и ши де, шайна дӀаяздина ма-хиллара, деза де дина дӀахӀоттош хилла. 28 Церан тӀаьхьенаша а даздан дезаш дара и денош. Пачхьалкхехь йолчу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а даздан дезаш дара Пурим. Жуьгташа цкъа а даз ца деш дита ца деза аьлла хилла и деза де. И хӀума массо а тӀаьхьенна дагадоуьйтуш хила дезара.
29 Паччахьан зуда йолчу а, Абу-Хьаилан йоӀ йолчу а Эсирата жуьгти волчу Мардахайца цхьаьна цхьа кехат дӀаяздира, Пурим олучу дезачу дийнах лаьцна Мардахайс дӀаяздина долу хӀара шолгӀа кехат чӀагӀдархьама. 30 Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь йолчу бӀе ткъе ворхӀ меттигехь бехаш болчу жуьгташка дӀасадахьийтина хилла хӀара кехат. Кехатан дешнаш машарх а, тешамах а лаьцна хилла. 31 И кехаташ яздаран Ӏалашо Пурим олу деза де цхьана билгалъяьккхинчу хенахь даздар хилла. Паччахьан зудчо Эсирата а, жуьгтий волчу Мардахайс а дӀадахьийтина хилла шайн сацам тӀехь болу кехаташ. Цу тӀехь цара массарна а тӀедиллира, и деза де шайна а, шайн тӀаьхьенашна а цхьана билгалъяьккхинчу хенахь дазде аьлла. Кехат тӀехь яздина дара, цу деношкахь цара марханаш кхаба а, белхар дӀахӀотто а деза аьлла. 32 Эсиратан кехато Пурим олучу дезчу дийнан бакъонаш чӀагӀйира, иза тептар тӀе дӀа а яздира.
10Мардахайн сийдар
1 Паччахь волчу Ахьаш-Варуша латтанашна тӀера а, хӀордан гӀайренашна тӀера а ял ялар тӀедожийра шен халкъана. 2 Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дӀаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тӀехь. 3 Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тӀаьхьа шолгӀа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чӀогӀа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хӀунда аьлча цо шен къомана дика долу хӀума лохуш а хилла, цуьнан тӀаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла.