Векало ПахӀала

эпасхошка

яздина кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала эпасхошка яздина кехат Делан Ӏалашонах лаьцна ду: «...стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Дала леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш» (Эпасхошка 1:10). Иштта Делан долахь мел верг Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаъ хиларна, дуьнен чуьра массо а адамийн цхьаалла хила мега. Кехат тӀехь яздархочо адамашка кхойкху, Делан Ӏалашонан ишттачу маьӀне хьаьжжина, кху дуьнен тӀехь леларе.

Эпасхошка яздинчу кехатан хьалхарчу декъехь (1:3 – 3:21) цхьааллех лаьцна долу хӀара хӀума иштта дуьйцуш ду: Да волчу Дала Шен халкъ муха хаьржина хилла а, Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула уьш шайн къинойх муха паргӀатбохуш бу а, Дала дина ваӀда Шен Синца муха чӀагӀдеш ду а. Кехатан шолгӀачу декъехь (4:1 – 6:20) яздархочо дешархошка кхайкхам бо, уьш муха лела беза дуьйцуш: цхьаьна а бехаш, Дала леррина Къобалвинчуьнца долу церан цхьаалла ма-дарра дика хила деза.

Тайп-тайпана кепаш ялайо яздархочо, Делан долахь болчеран Дала леррина Къобалвинчуьнца долу цхьаалла гайтархьама: массо а тешачийн тоба «дегӀах» тера ю, шена тӀехь Дала леррина Къобалвинарг «корта» санна а волуш, иза гӀишлонах тера ю, цуьнан са болу тӀулг Дала леррина Къобалвинарг а волуш. Иза зудчух тера ю, Дала леррина Къобалвинарг цуьнан майра а волуш. Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала дина доккха дика дага а доуьйтуш, яздархочо кӀорга маьӀна долу дешнаш даладо. Массо а хӀума Дала леррина Къобалвинчун безаман а, сагӀин а, гечдаран а, дикаллин а, цӀеналлин а серлонгахь гуш ду.

1

1- 1:1 Векалийн 18:19-21; 19:1. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала яздо, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.

2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Далла хастамаш бар

3 Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца. 4 Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, 5 хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Ӏалашо, иштта бара Цуьнан лаам. 6 Цунна везаш волчу Цуьнан КӀантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна. 7- 1:7 Ковлусихошка 1:14. Ӏийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. 8 И дика тӀех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а. 9 Шен къайлаха йолу Ӏалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Ӏалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. 10 Ткъа Делан Ӏалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.

11 Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хӀума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Ӏалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. 12 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.

13 Шаьш кӀелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тӀе Шен мухӀар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца. 14 Шен долахь берш кхоччуш паргӀатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.

ПахӀалан доӀа

15 И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Ӏийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана, 16 сайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тӀера Далла баркаллаш боху аса. 17 Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Ӏийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кӀоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла. 18 Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ 20- 1:20 Забур 109:1. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агӀор охьахаийра Цо. 21 Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цӀарал лакхара вина ца Ӏаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цӀарал лакхара а вина. 22- 1:22 Забур 8:6. - 1:22, 23 Ковлусихошка 1:18. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хӀуманна тӀехь коьртаниг хилийта. 23 Ӏийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хӀума массанхьа а Шеца дузадо.

2

Ӏожаллина тӀера дахарна тӀе

1- 2:1-5 Ковлусихошка 2:13. Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. 2 Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. 3 Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.

4 Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, 5 къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу. 6 Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула. 7 Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. 8 Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду. 9 Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. 10 Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца йолу цхьаалла

11 Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех+ 2:11 *Кхечу къаьмнех *– жуьгтий боцуш, кхин къаьмнаш.* схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. 12 Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара.

13 Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла. 14 Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо, 15- 2:15 Ковлусихошка 2:14. Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. 16- 2:16 Ковлусихошка 1:20. ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо. 17- 2:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 57:19. Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас, 18 хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.

19 И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. 20 Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу. 21 Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош. 22 Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.

3

ПахӀала кхечу къаьмнех болчу нахана гӀуллакх дар

1 Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахӀала, доӀа до. 2 Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тӀедиллинчу гӀуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх. 3 И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. 4- 3:4-6 Ковлусихошка 1:26, 27. Цундела, дӀаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. 5 Хьалхалерчу адамийн тӀаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хӀинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. 6 Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш. 7 Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца.

8 Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а, 9 Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хӀума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. 10 И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама. 11 Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула иза кхочушдина Дала. 12 Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн. 13 Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор+ 3:13 *Я иштта: *Иштта ас доьху шуьга, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, шун дог ца эшор.*. И баланаш – шун сийлалла ду.

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безам

14 Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха. 15 Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу. 16 Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш. 17 Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш. 18 Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кӀорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам. 19 Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.

20 Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна, 21 Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца мел волчуьнгара а массо а тӀаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.

4

ДегӀан цхьаалла

1 Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тӀекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. 2- 4:2 Ковлусихошка 3:12, 13. Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш. 3 Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш. 4 Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара. 5 Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. 6 Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тӀехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.

7 Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара. 8- 4:8 Забур 67:19. Цундела Делан Йозанаша боху:

«Лакхенга хьала а ваьлла,

Ша йийсар биначарна хьалхахӀоьттира Иза.

Адамашна Цо совгӀаташ делира».

9 Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера+ 4:9 *Лаьтта тӀе охьавеанера *– я иштта: *лаьтта буха кхаьчнера.* Иза бохург дацахь? 10 Охьавеанарг а, Шеца массо а хӀума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. 11 Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. 12 Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а. 13 Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц. 14 Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту. 15 Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хӀуманна тӀехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву. 16- 4:16 Ковлусихошка 2:19. Цуьнан дегӀ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегӀан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХӀора межено, шен-шен похӀме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегӀ безамца хьала а кхиадой, дӀахӀоттадо.

Дала леррина Къобалвинчуьнца долу керла дахар

17 Цундела, Везачу Элан цӀарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хӀинца чул тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Ӏелаш. 18 Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду. 19 Дерриг эхь а дайина, шайн догӀмийн боьхачу лаамашна тӀаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хӀуманаш ца Ӏебаш кхочушдо цара.

20 Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна. 21 Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Ӏийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догӀуш ма-хиллара шу Ӏамийнера. 22- 4:22 Ковлусихошка 3:9. Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. 23 Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. 24- 4:24 а: Ковлусихошка 3:10; б: Доладалар 1:26. Билггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.

25- 4:25 Закри-ЯхӀу 8:16. Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дӀа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца. 26- 4:26 Забур 4:5 (Грекийн). Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш. 27 Ма йита иблисана цхьа а меттиг. 28 ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан. 29 Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хӀиттош, ладугӀуш болчарна тамехь а долуш. 30 Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц. 31 Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тӀера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгӀазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дӀадаккха. 32- 4:32 Ковлусихошка 3:13. Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.

5

Делах тера лела дезар

1 Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш. 2- 5:2 Арадаккхар 29:18; Забур 39:7. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.

3 Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бӀаьрмециг хилар а – и хӀуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цӀе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. 4 Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргӀада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гӀоле ду шуна. 5 ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.

6 Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.

Серлонгахь лела дезар

7 Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь. 8 Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. 9 ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо. 10 Везачу Элана тамехь дерг хӀун ду те бохуш, зуьйш хилалаш. 11 Стом ца лучу боданечу гӀуллакхашна юкъа ма гӀерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. 12 ХӀунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду. 13 Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю. 14 Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду:

«ХьалагӀатта, вижина Ӏуьллург,

беллачарна юкъара денло,

тӀаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».

Хьекъалца лела дезар

15 Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш. 16- 5:16 Ковлусихошка 4:5. Мел хуьлучу таронах пайда эца, хӀара зама мекара йолу дела. 17 Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гӀерталаш.

18 Сийсаза лелар долуьйту чагӀар тӀех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш. 19- 5:19, 20 Ковлусихошка 3:16, 17. Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тӀера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш. 20 Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах. 21 Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.

Зударий а, майранаш а

22- 5:22 Ковлусихошка 3:18; 1 Кипин 3:1. Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтӀахь хилалаш. 23 ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза. 24 Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтӀахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хӀуманна тӀехь шайн майранашна муьтӀахь хила беза.

25- 5:25 Ковлусихошка 3:19; 1 Кипин 3:7. Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дӀаделла Цо. 26 Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а, 27 динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама. 28 Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза. 29 ХӀунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегӀ ца дезаш. Мелхо а, шен дегӀ цо кхаба а кхобу, Ӏалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна. 30 Вай Цуьнан дегӀан меженаш ма ю. 31- 5:31 Доладалар 2:24. «Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху. 32 Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду. 33 Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хӀоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.

6

Бераш а, дай-наной а

1- 6:1 Ковлусихошка 3:20. Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтӀахь хилалаш, хӀунда аьлча иза нийса ду. 2- 6:2, 3 Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16. «Шайн да а, нана а лара» – чӀагӀо тӀетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: 3 «хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тӀехь дукха вахийтархьама а».

4- 6:4 Ковлусихошка 3:21. Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Ӏама а беш.

Леш а, олахой а

5- 6:5-8 Ковлусихошка 3:22-25. Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара. 6 Царна муьтӀахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргӀанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. 7 Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гӀуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш. 8 Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.

9- 6:9 а: Ковлусихошка 4:1; б: Карлабаьккхинарг 10:17; Ковлусихошка 3:25. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тӀехь а, шайна тӀехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.

Делан герз

10 Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а. 11 Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхӀитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила. 12 ХӀунда аьлча вай адаман дилхана а, цӀийна а дуьхьал беш бац тӀом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу. 13 Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тӀедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хӀума кхочушдича, кхидӀа а латтархьама а.

14- 6:14 а: ЕшаӀ-ЯхӀу 11:5; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 59:17. Цундела иштта дӀахӀитталаш: шайн гӀодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дӀа а ехкий, нийсонан гӀагӀ шайна тӀе а духий, 15- 6:15 ЕшаӀ-ЯхӀу 52:7. машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий. 16 Цу массо а хӀуманна тӀе тешаран турс схьаэца – цӀе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дӀадайа таро хир ю шун. 17- 6:17 ЕшаӀ-ЯхӀу 59:17. КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. 18 Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш. 19 Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. 20 Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Ӏийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дӀакхайкхабайта алий.

Маршаллаш

21- 6:21 Векалийн 20:4; 2 Тимапига 4:12. - 6:21, 22 Ковлусихошка 4:7, 8. Ткъа сох лаьцна а, сан гӀуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гӀуллакхдархочо ТихӀака дӀадуьйцур ду шуна. 22 Шу долчу, тхан гӀуллакхех лаьцна шуна дӀахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза.

23 СинпаргӀато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. 24 Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Ӏийса везачаьрца массаьрца а.