Устаз:

дахаран маьӀна лахар

Дешхьалхе

Устаз цӀе йолчу хӀокху тептарна чуйогӀу цхьана устазан ойланаш. Цу устазо кӀоргге ойла йора дахарх лаьцна: дахар мел доца ду, мел дукха хӀуманаш дахарехь нийса дац, дахар мел «кхетам боцуш» ду. Нехан кхолламан дола дечу Делан некъаш цунна ца кхеташ дисна. Иза иштта делахь а, цо нахана хьехам бина, чӀогӀа къахьега а, Дала деллачу хӀуманех пайда эца а аьлла.

Устазо яздинчух дукхахйолу ойланаш сингаттаме хета мега. Делахь а хӀара тептар товрат тӀехь хиларо гойту, тешаш волчун дахарехь иштта йолу шеконаш хуьлуш хилар. Устазан куьзганехула шайга хьажарца дукхахболчара дог тедора, иштта царна хиира, цу ойланашца дерриге а товрато Делах сатийсар луш хилар. Ткъа цу сатийсаро вайн дахар доккха маьӀна долуш хуьлуьйту.

1

1 Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду.

Адамийн дахар хаттарех дуьзна ду

2 «Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш! 3 Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо?

4 Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу,

ткъа латта абаденналц лаьтта.

5 Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу,

иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.

6 Мох къилбехьа а хьокху,

къилбаседехьа юха а боьрзу.

Иза, хьийзий, хьийзий,

юха а шен метта схьабоьрзу.

7 Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду,

амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу.

Шаьш схьадевллачу метте

юхадоьрзу и хиш.

8 Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху,

Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац.

Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан,

ладегӀарх – лерг а дузур дац.

9 Хьалха хилларг юха а хуьлу,

ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду,

стигална кӀел керла хӀумма а дац.

10 Цхьаццаммо олу:

„Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“

Амма иза а хилла ширачу заманахь,

вайн заманал дуккха а хьалха.

11 Хьалха хилла адамаш

цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу,

ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш

дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а».

Устазана дахарехь зеделларг

12 Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора. 13 Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! 14 Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду.

15 Сеттина йолу хӀума нис а лур яц,

ткъа доцург дагар а лур дац.

16- 1:16 Сулим 4:29-31. Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна». 17 Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла.

18 Доккхачу хьекъалаллах

боккха бала хуьлу,

ткъа шена кхетам гулбечо

гӀайгӀа гулйо.

2

Самукъане хилар зер

1 Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хӀун ду довзийтархьама!» Амма аса жамӀ дира, иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду аьлла. 2 Гуттар а воьлуш лелар сонталла юйла а, самукъадаларх бала цхьа а пайда боцийла а хиира суна. 3 ТӀаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагӀар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хӀун дика хуьлу сайна довзийтархьама.

4- 2:4-8 Сулим 10:23-27; 2 Шерашкахь 9:22-27. ТӀаккха со даккхий гӀуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гӀишлош а йира, кемсаш а дӀаюьйгӀира, 5 бошмаш дӀайогӀа меттигаш а тойира, тӀаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дӀадуьйгӀира. 6 Иштта ас Ӏаьмнаш дехира, айса моггӀара дӀадийгӀинчу дитташна хи тохархьама. 7- 2:7 Сулим 4:23. Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан. 8- 2:8 Сулим 10:10, 14-22. Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий+ 2:8 *ГӀарбаш-зуда *– зудчун бакъо йолу гӀарбаш.*.

9- 2:9 1 Шерашкахь 29:25. Ярушалайм-гӀалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидӀа а соьца дуьсура. 10 Сайн бӀаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хӀума сан даго тӀеоьцура. Муьлххачу айса дечу гӀуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгӀат санна. 11 ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.

Хьекъалалла а, сонталла а зер

12 Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХӀунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хӀун дан тарло цул тӀаьхьа дӀахӀуттун волчу стага? 13 Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра. 14 Хьекъалечун бӀаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со. 15 ТӀаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТӀаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хӀун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду». 16 Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яӀ, хьекъалениг а дӀакхелха, сонтаниг санна! 17 ТӀаккха суна деза ца делира хӀара дахар, хӀунда аьлча стигална кӀел мел дечу хӀумано гӀайгӀанаш яхьа. И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

Дечу гӀуллакхо пайда бахьий?

18 Сан дог делира айса стигална кӀел мел динчу халачу гӀуллакхех, хӀунда аьлча цу гӀуллакхех хилларг сол тӀаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. 19 Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. 20 Иштта со дохковелира айса стигална кӀел мел динчу гӀуллакхна. 21 Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.

22 Иштта хӀун хуьлу ткъа адамна стигална кӀел ша бинчу балхах а, шен деган гӀайгӀанах а? 23- 2:23 Аюб 5:7; 14:1. ХӀора дийнахь балане а, гӀайгӀане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргӀат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума.

Устазан хьехам

24- 2:24 Устаз 3:13; 5:17; 9:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 56:12; Лака 12:19; 1 Коринтхошка 15:32. Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх. 25 Дала иза ца делча, яа а, я там хила а хьенан таро хир яра? 26- 2:26 Аюб 32:8; Кицанаш 2:6. Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

3

Массо а хӀуманан шен-шен хан ю

1 Массо а хӀуманан

шен зама ю,

кху лаьттарчу хӀора гӀуллакхан а

шен хан ю.

2 Дуьнен чу валаран а шен хан ю,

дӀакхалхаран а шен хан ю.

ХӀума дӀаеран а шен хан ю,

иза схьаяккхаран а шен хан ю.

3 Стаг веран а шен хан ю,

иза товаран а шен хан ю.

ЦӀенош дохоран а шен хан ю,

гӀишлош дӀахӀитторан а шен хан ю.

4 Адам делхаран а шен хан ю,

иза деладаларан а шен хан ю.

Адам гӀайгӀане хиларан а шен хан ю,

иза халхадаларан а шен хан ю.

5 Зудчуьнца дӀавижаран а шен хан ю,

цунах цакхетаран а шен хан ю.

Стагана мараэккхаран а шен хан ю,

цунах къехкаран а шен хан ю.

6 ХӀума лахаран а шен хан ю,

лохучуьра сацаран а шен хан ю.

ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю,

иза дӀатасаран а шен хан ю.

7 ХӀума ятӀоран шен хан ю,

иза дӀатегаран а шен хан ю.

Адам дист ца хиларан а шен хан ю,

цо къамел дан дезаран а шен хан ю.

8 Адам дезаран а шен хан ю,

иза цадезаран а шен хан ю.

ТӀеман а шен хан ю,

машаран а шен хан ю.

9 Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах? 10 Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш. 11 Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. 12 Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла. 13 Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.

14 Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама.

15 Яханчу заманахь хилларг

карахь йолчу заманахь а хуьлу,

ткъа тӀейогӀучу заманахь хиндерг,

дӀаяьллачу заманахь а хилла.

Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву.

Дуьнен чохь нийсо цахиларх лаьцна

16 Стигална кӀел суна кхин а гира,

кхел ечу меттехь

зуламаш хилар,

нийсо хила езачохь

харцонаш лелор.

17 ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю». 18 Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш. 19 Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду! 20 Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю. 21 Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»

Устазан хьехам

22 Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.

4

ГӀелонах а, балхах а, накъосталлех а лаьцна

1 ТӀаккха, дӀахьаьжча, суна гира стигална кӀел мел еш йолу гӀелонаш.

Хьажал, гӀийлачеран бӀаьргех хиш дуьйлу,

ткъа церан догъоьцург ца хуьлу.

Царна гӀело ечеран карахь ницкъ бу,

ткъа церан догъоьцург ца хуьлу.

2 ТӀаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гӀелонаш хьоьгуш болчарна чул дӀакхелхинчарна гӀолехь ду аьлла. 3 Ткъа стигална кӀел леладо зуламе гӀуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна.

4 Суна гира, адамо мел дечу гӀуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. 5 Сонтачу стага, пӀелгах пӀелг а тоьхна, болх ца беш, ша-шен хӀаллакво. 6 Амма, синтем а болуш, схьаэцна долу цхьа сахь тоьлу, сов къа а хьегна, даьккхинчу шина сахьанал. Махана Ӏуналла дан гӀертар санна, ду иза.

7 Юха а кхетам тӀе ца кхуьу цхьа хӀума гира суна стигална кӀел. 8 Я кӀант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гӀуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бӀаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гӀуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а, гӀайгӀане болх а бу.

9 Шиъ цхьаьна хилар дикаха ду, ша цхьаъ хуьлучул. Шаьш цхьаьна хьегначу къинах царна пайда хир бу. 10 Царах цхьаъ охьавожахь, вукхо иза хьалагӀаттор ву. Ша цхьаъ вуьсучу стеган ма къа ду! Иза гӀатто уллохь цхьа а ца хуьлу. 11 Иштта, шиъ цхьаьна охьавижча, и шиъ вохло. Ткъа ша цхьаъ волчун вохвалар муха хир ду? 12 МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.

Хьекъалаллех оьцу пайда

13 Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хӀотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дӀа ца оьцучу а паччахьал.

15 Кхин а суна гира, стигална кӀел веха хӀора стаг а дуьнен тӀехь вехачу кхечу къонахчунна тӀаьхьахӀоттар. 16 Дагар ца даллал дукха дара и халкъ. Амма цу къонахал хьалха хиллачу а, иштта цул тӀаьхьа хинболчу а нахана цунах цхьа а там ца белира. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

Далла делла ваӀда кхочушдар

17 Хьо Делан цӀа долчу воьдуш, ларлуш хилалахь. Сонтачу наха санна, сагӀина хӀума яхьачул, Делан цӀенна тӀе а вирзина, ладогӀар дикаха ду. Уьш ца кхета, шаьш сонта лелий.

5

1 Багах долучу дешнашца а,

дагара йолучу ойланашца а

Далла хьалха хӀума олуш

сих а ма ло, аьрха а ма вала.

ХӀунда аьлча Дела стигалахь ву,

ткъа хьо лаьттахь ву,

цундела хьайн Цуьнца долу къамел

доцца хилийта.

2 Алссамчу гӀайгӀанаша вон гӀенаш гойту,

алссамчу дешнаша сонталла гойту.

3- 5:3 Забур 65:13, 14. Нагахь айхьа Далла ваӀда динехь, иза кхочушдар дӀа ма татта. Далла хаза ца хета сонтачу стага и ваӀда кхочушцадар, цундела ваӀда кхочушде! 4 Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал. 5 Хьайн бете хьайх къинош ма летадайта. Делан динан дега: «Айса динчу ваӀданна тӀехь со галвелира» – ала дезарх ларло. Хьайн куьйгаша дина гӀуллакхаш Деле хӀаллак ца дайтархьама, Далла хьалха айхьа дечу хьайн къамелашца Дела хьайна оьгӀаз ма вахийта. 6 Иштта, сонтачу нехан Далла хьалха дина къамелаш хуьлу дукха гӀенашца а, дукха кхетам тӀе ца кхуьучу хӀуманашца а, дукха дешнашца а. Ткъа хьо Деле болчу ларамах вуьзна хила веза!

ГӀело яр а, нийсо цалелаяр а

7 Нагахь муьлххачу а мехкан декъахь къечу стагана гӀело еш хьайна гахь а, цуьнан бакъонаш а, нийсо а лоруш яцахь а, хьо цец ма валалахь цунах, хӀунда аьлча оцу лакхарчун а цул лакхарчо терго йо, ткъа оцу шинна тӀехь а кхин а лакхарниг ву. 8 Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу.

Хьолах там ца хуьлу

9 Ахча дезаш волчунна цкъа а шен долчух тоам хир бац.

Хьал дезаш волчунна шен долчух цкъа а тоам хир бац.

Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

10 Хьал алсамдоккхуш хилча,

цунах бежаш берш а алсамбовлу.

ТӀаккха хӀун пайда хуьлу хьолахочунна,

оцу шен хьоле хьоьжуш Ӏер доцург?

11 Ша дуккха а йиънехь а, я кӀеззиг йиънехь а

Къахьегначу стага мерза наб йо.

Ткъа хьолахочун наб йов,

шен хьолан шорто бахьана долуш.

12 Стигална кӀел суна кхин а цхьа хала бала гира: адамо шен хьал Ӏалашдора, иза ца дайархьама. 13 Амма цхьа бохам тӀебар бахьана долуш, цо шен хьал дайира.

Хууш ду, стеган бер хилча, и бер даьссачу куьйгашца дуьнен чу долий. 14- 5:14 Аюб 1:21; Забур 48:18; 1 Тимапига 6:7. Шен ненан кийрара верзина, тӀехь хӀумма а доцуш, схьа-ма-валлара, иштта ша дӀакхелхича, кху дуьненахь ша бечу балхах шеца хӀумма а дӀа а ца хьош, иза дӀа а воьду. 15 Иза а гӀайгӀане бала бу. Ша дуьненна чу ма-валлара, иштта дӀа а гӀур ву стаг. Ткъа хӀун буьсун болу пайда хуьлу цунна, ша еккъа Ӏаьнаран дуьхьа къахьоьгуш хилча? 16 Ша дуьненахь йоккхучу хенахь цо боданехь шен кхача боу, ткъа цуьнан денош там цахиларх а, цамгарех а, дераллех а дуьзна хуьлу.

Устазан хьехам

17 Хьажал со кхеттачуьнга: Дала шайна яккха еллачу йоццачу дахаран заманахь адамашна и хан юушший, молушший, ша стигална кӀел бечу халачу балхах там хуьлушший яккхар гӀолехь ду. Иза цунна Дала делла дакъа ду. 18 Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна. 19 Иштта, стагана шен дахаран хенах ойланаш ян хан а тоьар яц, хӀунда аьлча Дала цуьнан дагна там бо.

6

Дахарехь там цахилар

1 Стигална кӀел цхьа хала бала хилар гира суна, ткъа иза-м кест-кеста хуьлу. 2 Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло – цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а ду, цул сов, иза чӀогӀа хала бала а бу. 3 Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул. 4 Цуьнан дуьнен чу длар а, кхалхар а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. Ӏаьржачу Ӏожалло цунах хиндерг хьулдо. 5 Ша кху дуьненахь цадахарна, цу берана кху дахарх лаьцна хӀумма а ца хаьа, делахь а цуьнан синтем аса масална валийначу стеган чул сов бу. 6 Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дӀадоьрзуш дац?

7 Адамо ша буучу кхачанан дуьхьа бен къа ца хьоьгу,

амма цуьнан гай цкъа а ца дузу.

8 Хьекъал долчо сонтачо чул сов хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу?

Ша муха лела веза хаарх, хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу къечо?

9 ГӀенахь гиначуьнга сатуьйсуш лелачул,

шен долахь долчух марзо эцар дикаха ду.

Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

Адамна хӀун гӀоле ю?

10 Кхоьллина мел йолу хӀума

шен цӀе йолуш ю.

Иштта адам хӀун ду а

вайна хууш ду.

Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь

адам тоьлур дац.

11 Ткъа хӀун пайда хуьлу цунах адамна?

Дуккха а долчу дешнаша кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш алсамдоху.

12 Хьанна хаьа, хӀун дикаха ду адамна шен, ӀиндагӀ санна, дӀауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кӀел дӀакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг?

7

Адамна дикаха дерг

1- 7:1 Кицанаш 22:1. Дезачу хьакхарел

цӀе яккхийтар дикаха ду,

Иштта дуьнен чу валаран дийнал

адам даларан де дикаха ду.

2 Той долчу цӀа чу воьдучул,

тийжар долчу цӀа чу вахар дикаха ду.

ХӀоранна а тӀаьххьара де тӀедогӀу,

ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза.

3 Веларал дикаха ду

сингаттаме хилар,

хӀунда аьлча, юьхь кхоьлина хиларна,

дог хьекъалх дузу.

4 Хьекъалечу стеган дог адам доьлхуш долчохь хуьлу,

ткъа сонтачун дог адам гӀаддахана долчохь хуьлу.

5 Сонтачийн иллешка ладуьйгӀучул дикаха ду

хьекъал долчун тӀехтохамийн тергам бар.

6 Сонтачун велавалар

ена кӀеларчу цӀергахь лелха гаьннаш санна ду.

Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

7 ГӀело яро хьекъалечух сонтаниг во,

ткъа кхаъ схьаэцаро кхетам а талхабо.

8 ГӀуллакхан чаккхе хилар

гӀуллакх доладарал дикаха ду,

ткъа собаре хилар

цавашарал а дикаха ду.

9- 7:9 Якъуба 1:19. Хьайн са оьгӀазаллина сих ма де,

хӀунда аьлча оьгӀазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.

10 Ахьа ма хатта: «ДӀадахана денош дикаха хӀунда дара?»

Хьекъале дац и хаттар.

11 Цхьаннах бисина бахам санна, дика ду хьекъалалла.

Кху дуьненахь болчара цунах пайда оьцу.

12 Хьекъалалло а, ахчано санна, адам лардо,

амма хьекъалаллех буьсун болу пайда иштта бу:

цуьнан дола диначун дахар лардо цо.

13 ДӀахьажал Делан гӀуллакхашка.

Цо гамдинарг хьаьнга нислур ду?

14 Беркатечу хенахь воккхаве,

ткъа гӀайгӀане еанчу хенахь ойланаш е.

И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду,

адаме цкъа а талла ца ло

ша кхелхинчул тӀаьхьа шех хиндерг.

ХӀуманна тӀехь тӀехваларх лардар

15 Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу. 16 ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала – хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь? 17 Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила – хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь? 18 ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.

Хьекъале мила хилало?

19 Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. 20 Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.

21 Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама. 22 ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.

23 Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера! 24 Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?

ЦӀена хьекъалалла карадойла дац

25 Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а. 26 Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву. 27 «Хьажал суна карийначуьнга, – олу устаза. – ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама. 28 Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“». 29 Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.

8

Мила тарло хьекъале хила?

1 Мила кхета массо а хӀуманан маьӀнах?

Хьан кхетор ву иза массо а хӀуманах?

Адаман хьекъалалло цуьнан юьхь а къагайо,

цуьнан къиза амат а кӀаддо.

2 Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь. 3 Хьайн паччахьах дӀакъаста сих а ма ло, цунна дуьхьалбевллачарах дӀа а ма кхета, хӀунда аьлча паччахьан шена луъург дан йиш ю. 4 Цу тӀе, паччахьан дош уггаре а нуьцкъала ду, цундела хьан эр дара цуьнга: «Ахьа хӀун леладо?»

5 Паччахьан омра кхочушдийриг

цунна дуьхьалбевллачаьрца лелар вац.

Хьекъале волчун дагахь лаьттар ю

шен хан а, шен кхел а.

6 ХӀора гӀуллакхан а ю шен хан а, шен кхел а,

амма адамаша дуккха а хала баланаш хьега беза.

7 Хиндолчух лаьцна хуург вац.

Хьан эр дара хиндерг хӀун ду?

8 Цхьаьнгга а шен синан Ӏаьнарна тӀехь олалла далур дац.

Цхьаннан а карахь дац шен валаран де.

Цхьа а дӀахоьцур вац тӀом бечуьра.

Зуламхо ша дечу зуламаша кӀелхьарвоккхур вац.

9 И дерриг а суна гира, стигална кӀел кхочушдо гӀуллакхаш талла сайн дог ас къобалдича. Цхьана адамо вукхунна тӀехь олалла до, ткъа иза бахьана долуш цу шиммо а бала хьоьгу.

ТаӀзар даза долчу зуламан масал

10 ХӀетахь гора суна зуламхошна дӀахӀиттош долу тезеташ. Уьш, езачу меттера схьа а оьций, дӀабухкура. Ткъа цара зуламаш динчу гӀаларчу бахархоша церан сий дора+ 8:10 *Ӏебархойн маттахь долчу тептаран маьӀна кхузахь шалха ду. Цу меттехь деша мега: *Ткъа гӀаларчу бахархошна церан харцонаш йицлора.*. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. 11 Зуламна сихха таӀзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо. 12 Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела. 13 Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ӀиндагӀ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела. 14 Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тӀе ца кхуьу хӀума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тӀе дан деза вон тӀедогӀу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду!»

Устазан хьехам

15 Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кӀел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кӀел деллачу дахарехь, ша бечу балха тӀехь цу гӀуллакхаша иза новкъа воккхур ву.

Делан некъах цхьа а кхоччуш ца кхета

16 Хьекъалалла довза а, кху дуьненахь адамаша дечу гӀуллакхашка хьажа а ас сайн дог къобалдича, дийнаххьий, буьйсанний наб яйнера сан. 17 ТӀаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кӀел мел дечу хӀуманна адам тӀекхиалур доцийла. Хаа мел гӀертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа.

9

Вайн массеран а хинберг цхьа кхоллам бу

1 Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду.

2 ХӀора стагаца а хиндерг цхьаъ ду:

бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а,

Далла хьалха цӀеначуьнца а, боьхачуьнца а.

Дикачу стагана а хир ду

къинош летийначунна хиндерг.

Далла хьалха дуй буучунна а хир ду

Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг.

3 Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху. 4 Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул». 5 Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу. 6 ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший – уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац.

Устазан хьехам

7 Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна. 8 Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш. 9 Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду. 10 Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.

Хан а, хьал-де а

11 Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш:

уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха,

уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а.

Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а,

кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а,

хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а.

Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.

12 Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу.

Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чӀерий санна,

я речӀанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна,

иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь

тӀедогӀучу халачу тӀаьхьарчу сахьто дӀалоцу.

Хьекъалалла нуьцкъалаллал тоьлу

13 Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира. 14 Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина. 15 Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. 16 Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а.

Хьекъалалла тоьлу сонталлал

17 Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал. 18 Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо.

10

1 Деллачу мозаша духӀин хьожа а талхайо.

Иштта, кӀеззиг йолчу сонталло стеган дуккха а долу хьекъалалла а, сийлалла а хӀаллакдо.

2 Хьекъалалла долчун дог бакъахьа агӀор дӀагӀерта,

ткъа сонтачу стеган дог харцахьа гӀерта.

3 Ша некъахула лелаш велахь а,

сонтачу стеган кхетам ца кхочу,

ткъа цо хӀоранна а ша сонта хилар гойту.

4 Нагахь хьан олахо хьуна оьгӀазваханехь а, цунах дӀа ма вада.

Хьан тийна хиларо, цуьнан даккхий гӀалаташ дӀа а хьулдеш, сатедан тарло.

5 Иштта, суна кхин а цхьа нийса доцу хӀума а гира стигална кӀел, тилабеллачу олахоша лелош долу. 6 Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора. 7 Говраш тӀе хевшина леш гира суна, ткъа элий, леш болуш санна, гӀаш лелаш бара.

8- 10:8 Забур 7:16; Кицанаш 26:27. Кхечунна ор охкург ша цу чу вожа тарло.

Ткъа шен йоцу керт йохош волчунна лаьхьано дӀовш тоха тарло.

9 ТӀулгаш дохош волчунна царах чов хила тарло.

Ткъа дитташ хедош волчунна царах кхерам бала тарло.

10 Нагахь диг аьрта а хилахь,

цхьаммо а иза ир а ца дахь,

дуккха а ницкъ безар бу и болх бан.

Ткъа хьекъал хиларо буьсун болу пайда ло.

11 Ша тебале, лаьхьано це тохахь,

иза тебиначунна цунах бала пайда бац.

12 Хьекъалечу стеган дешнаша цунна ларам бахьа.

Ткъа сонтачу стеган бето ша-шен хӀаллакво.

13 Цуьнан къамел доладелча, иза сонта хуьлу,

ткъа къамел чекхдаьлча, иза хьераваьлла хуьлу.

14 Сонтачу стага саццаза къамел дахь а, цхьанна а ца хаьа хиндерг хӀун ду.

Иштта хьенан таро ю шел тӀаьхьа хиндерг хӀун ду ала?

15 Сонтачу стага цу тайпана болх беш хилча,

иза шен гӀали чу юхавоьрзу некъ ца бовззал кӀадло.

16 Къа ду мехкан, цуьнан паччахь сонта ялхо бен вацахь,

цуьнан элаша сатасале дуьйна тойнаш хӀиттош а делахь.

17 Декъала бу мохк, паччахь оьздачу тайпанах а велахь,

цуьнан элаша хӀотто деззачу хенахь той хӀоттош а делахь!

Цара юург шайн дегӀе ницкъ баийтархьама йоу,

ткъа малар дахархьама ца молу.

18 ХӀусамда мало еш велахь,

цӀийнан дукъош охьаоьгур ду.

Стага болх бан шен куьйгаш хьала ца айдахь,

цӀийнан тхевнах ладар чекхдер ду.

19 Юург-мерг стагана самукъанна ду,

чагӀар синкъерамна ду,

ткъа ахчано и дерриг а кхочушдо.

20 Хьайн дагахь а ма алалахь паччахьна вониг,

хьо дӀавуьжучу цӀа чохь а ма алалахь вон дош хьолахочух лаьцна.

ХӀунда аьлча стигалшкара олхазарша кхечу метте дӀа а хьур ду хьан дош,

тӀемаш долчу цара дӀаса а даржор ду хьан къамел.

11

Адаман хааран дозанаш

1 Хьайн бепиг хин тӀехула дӀахеца,

ткъа шен хан тӀекхаьчча, иза юха карор ду хьуна.

2 Хьайн долу хьал кхечу ворхӀ я бархӀ стагана дӀадекъа,

хӀунда аьлча цхьанна а ца хаьа, хӀун бохам хила тарло кху лаьттахь.

3 Мархаш догӀанах юьзна елахь,

цара и догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе.

Ткъа нагахь дитт къилбехьа я къилбаседехьа охьадожахь,

ша охьадоьжначохь Ӏуьллур ду иза.

4 Нагахь стаг механ тергам беш хилахь,

цуьнга ялта дӀаден мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.

Нагахь стаг мархашка хьоьжуш хилахь,

цуьнга ялта чудерзо мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.

5 Хьуна ца хаьа, ненан кийрахь долчу беран дахар муха долало.

Иштта ца хаьа хьуна, дерриге а хӀума кхуллуш волчу Дала хӀун до.

6 Ӏуьйранна хьалххе хӀу дӀаден волалой,

сарралц хьайн болх саца ма бе,

хьуна-м ца хаьа, пайден хӀун хир ду:

хьалхарниг, я шолгӀаниг, я ший а цхьатерра.

Дахарх дезар эца, амма Дела дагахь латтаве

7 Дахаран серло мерза ю,

бӀаьргашна тамехь ду малхан са гар.

8 Хьо мел дукха вахахь а,

хӀора айхьа даьккхинчу дийнах марзо эца.

Амма дагахь латтаделахь Ӏожаллин боданан денош,

уьш хьо дийна волуш яьккхинчу хенал совдовлу.

Ткъа веллачул тӀаьхьа хиндерг кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

9 Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха,

хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила.

Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела,

хьайн бӀаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де,

амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина,

Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.

10 Хьайн даг чуьра гӀайгӀанаш а дӀаяха,

дегӀа тӀера сингаттамаш а дӀатийса,

хӀунда аьлча дахаран доладалар йолу къоналла кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманех юьзна ю.

12

1 Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг,

хала денош тӀехӀиттале а,

«ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», – ахь олу хан тӀекхачале а,

2 малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а,

догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.

3 Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,

цӀенна ха дийраш а ластабале,

нуьцкъалнаш а саттабале,

кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале,

корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,

4 араволу неӀарш а дӀакъовлале,

хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале,

олхазаран озо хьо сама а ваккхале,

эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.

5 Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,

хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале,

некъан халонех а хьо кхерале,

миндал-дитто шен заза а хецале+ 12:5 *Миндал олучу дитто Ӏай шен заза хоьцу, ткъа цуьнан заза кӀайн хуьлу. Цхьаболчарна хета, цу дитто Ӏай заза хецар Ӏожаллица доьзна ду. Вукхарна хета, цу диттан кӀайн заза хилар къанваларан кӀайчу месашца доьзна ду.*,

цаьпцалг меллаша а такхале,

дахаран чам а хьан дӀабалале.

Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду,

ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.

6 Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,

дато зӀе а хадале,

дашо кад а кагбалале,

шовданан коьртехь кхаба а йохале,

хин хьостанехь чкъург а кагъялале,

7 ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале,

са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.

8 «Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!»

Чаккхе

9 Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора. 10 Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина.

11 Хьекъал долчун дешнаш жаӀуьнан хьокхий санна ду.

Цхьана жаӀуьно+ 12:11 *Цхьана жаӀуьно *– цхьаболчарна хета, иза Дела я Сулим-паччахь хила тарло аьлла.* хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду.

12 Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо. 13 Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза. 14 ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю.