Карлабаьккхина хьехам
Дешхьалхе
Исраилан халкъо яьссачу аренгахула беш болу некъ чекх а баьлла, КанаӀан-махка иза чугӀортале, халкъ Муаби-махкахь сецира. Цу хенахь Мусас халкъе цхьадолу дӀахьедарш дора. Карлабаьккхина хьехам олучу тептар тӀехь и дӀахьедарш дӀаяздина ду.
Тептар тӀехь яздинчу уггар ларамечу гӀуллакхех цхьадерш хӀорш ду: 1) Чекхдаьллачу шовзткъа шарахь лараме гӀуллакхаш дагадохкуьйту Мусас. Цо халкъе кхайкхам бо, Дала уьш яьссачу аренгахула муха чекхбаьхна дагадаийта а, Далла муьтӀахь а, тешаме а хила а олий. 2) Итт коьрта хьехам карла а баьккхина, хьалхарчу хьехаман маьӀна чӀагӀдира Мусас, Везачу Элана бен Ӏамал ма е аьлла, цаьрга кхайкхам а беш. ТӀаккха Дала царна лун долчу лаьтта тӀехь исраилхойн дахарехь царна Ӏуналла ден долу парзаш дагадохкуьйту цо. 3) Дала халкъаца бинчу бертан маьӀна хӀун ду дагадоуьйту Мусас. Бертан декхарш дика кхочушдаран сацам карлабаккхарна тӀекхойкху цо халкъ. 4) Шен метта халкъана тӀехь куьйгалла дан ЮшаӀ дӀахӀоттаво Мусас. Цул тӀаьхьа, Дела тешаме хиларх лаьцна йолу йиш а лекхна, Исраилан тайпанаш декъал а дина, Йордан-хил малхбалехьа болчу Муаби-махкахь дӀакхелха Муса.
Ша хаьржина долу а, дезаш долу а халкъ Дала, кӀелхьар а даьккхина, декъалдина хилар тептаран уггар коьрта ойла ю. И хӀума дагадаийта а, Дела веза а, Цуьнга ладогӀа а дезаш ду Делан халкъ, шен дахар хилийтархьама а, шена тӀехь декъалдар дисийтархьама а.
Тептаран коьрта меттиг ю йолхалгӀачу коьрта тӀехь доьалгӀачу аята тӀера дуьйна йолхалгӀачу аята тӀекхаччалц. Ӏийсана моттарехь, уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх гойтуш цигахь дерш хӀара дешнаш ду: «Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, берриге а ницкъаца веза».
1Дуьххьарлера дешнаш
1 ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра. 2 (СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.) 3 ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара. 4- 1:4 Лелар 21:21-35. Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза. 5 Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:
6 «Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан! 7 Хьала а гӀовттий, новкъа довла, дӀагӀо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Ӏариба-тогӀене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тӀе, НегӀаб-аренга, хӀордан йистошка. КанаӀанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц Ливанун-махка а дӀагӀо. 8 ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».
Муса-пайхамаро кхелахой дӀахӀиттабар
(Арадаккхар 18:13-27)
9 «Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду. 10 Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду. 11 Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара. 12 Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду? 13 Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“. 14 Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла. 15 Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь.
16 Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь. 17 Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел – Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“. 18 Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».
Кхадеш-БарнаьӀара латта талла нах новкъа бохуьйту
(Лелар 13:1-33)
19 «Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира. 20 ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу. 21 Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.
22 Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.
23 И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира. 24 Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира. 25 Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.
26- 1:26 Карлабаьккхинарг 9:23; Ӏебархошка 3:16. Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира. 27 Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама. 28 Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
29 Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. 30 Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара. 31- 1:31 Векалийн 13:18. Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. 32- 1:32 Ӏебархошка 3:19. И дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. 33 Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».
Исраилан къомана дина таӀзар
(Лелар 14:20-45)
34- 1:34, 35 Ӏебархошка 3:18. «ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира: 35 „ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, – аьлла. – 36 И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“. 37 Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе. 38 Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.
39 Аша царах лаьцна, уьш мостагӀийн хӀонс хилла дӀахӀуьттур ду, баьхна долу а, хӀинца а дика а, вон а хӀун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тӀе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду. 40 Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.
41 ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша.
42 Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“. 43 Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира. 44 Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь. 45 ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».
Яьссачу аренгахь даьхна шераш
46 «Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».
21- 2:1 Лелар 21:4. «Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.
2 Цул тӀаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира: 3 „Тоьар ду шуна хӀокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дӀадерза. 4- 2:4 Доладалар 36:8. СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. 5 Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. 6 Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“.
7 Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.
8 СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай. 9- 2:9 Доладалар 19:37. МостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта».
10 (Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара. 11 Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла. 12 СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.)
13 «Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула. 14- 2:14 Лелар 14:28-35. Вай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара. 15 Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц.
16 ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь, 17 Везачу Эло соьга иштта элира: 18 „Хьо хӀинца Муаби-махкахула, Ӏар-гӀалина уллохула, чекхволуш ву. 19- 2:19 Доладалар 19:38. Ӏамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“».
20 (И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура. 21 И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Ӏаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хӀаллакбира Ӏамминхошна хьалхара. Ӏамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. 22 СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу. 23 Иштта Крит-гӀайренера схьабевлла болу каптӀархой а, Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Ӏаваймхой хӀаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.)
24 КхидӀа Мусас элира: «Цул тӀаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагӀовтта, дӀа а гӀой, Арнон-хих дехьадовла. ХӀан, Ас хьан кара дӀало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тӀом бе цуьнца. 25 Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».
Сихьон-паччахьна тӀехь толам баккхар
(Лелар 21:21-30)
26 «Кхадимут цӀе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гӀалин паччахь волчу Сихьонна тӀе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хӀара дӀаалийтархьама: 27 „Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дӀагӀур ду. 28 Детих юург йохка тхуна, тӀаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тӀаккха бен оха иза мер дац. ГӀаш бен тхо тӀех а девр дац, 29 тхуна СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу Ӏесаван тӀаьхьенах болчара а, Ӏар-гӀалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тӀе тхо дӀакхаччалц“.
30 Амма Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тӀехула вай чекхдовлийта, хӀунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чӀагӀдира, хӀинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дӀавалархьама.
31 Везачу Эло соьга иштта элира: „ХӀан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дӀадолийна. Хьо а дӀаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. 32 ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь. 33 Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кӀентий а, цуьнан мел долу халкъ а хӀаллакдира. 34 Оцу хенахь цуьнан ерриг а гӀаланаш схьа а яьхна, царах хӀорра а, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. 35 ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера. 36 Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. 37 Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».
3ӀовгӀа-паччахьна тӀехь толам баккхар
(Лелар 21:31-35)
1 «Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама. 2 ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.
3 Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! 4 Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш. 5 И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь. 6 Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. 7 Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.
8 Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай. 9 (ЦӀаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) 10 Башан-мехкан паччахь волчу ӀовгӀин ерриге а аре схьалецира вай: тӀапломахь мел йолу гӀаланаш а, берриг а ГалӀад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреӀи а гӀаланашна тӀекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».
11 (Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)
Йордан-хина малхбалехьа даха хевшина тайпанаш
(Лелар 32:1-42)
12 «ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира. 13 Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира».
(Башан-махках репахойн мохк олура. 14 Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)
15 «ГалӀад-мохк ас Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенах болчарна дӀабелира. 16 Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалӀад-махка тӀера Арнон-хина тӀекхаччалц долу латта дӀаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Ӏамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тӀекхаччалц дӀасадаьржира. 17 Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.
18- 3:18-20 ЮшаӀ 1:12-15. Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. 19 Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дӀаеллачу гӀаланашкахь дита, 20 Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргӀато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тӀаьхьа шух хӀора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла.
21 ХӀетахь ас ЮшаӀе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бӀаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна. 22 Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».
Муса-пайхамарна КанаӀан-махка чувалар дехкар
23- 3:23-27 Лелар 27:12-14; Карлабаьккхинарг 32:48-52. «Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле: 24 „Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш? 25 Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш.
26 Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна! 27 Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! 28 ЮшаӀе весет а де, иза иракара а хӀоттаве, чӀагӀ а ве, хӀунда аьлча ЮшаӀа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“.
29 Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».
4Деле ладугӀуш хила аьлла, халкъе Мусас кхайкхам бар
1 «ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама. 2- 4:2 Довзийтинарг 22:18, 19. Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. 3- 4:3 Лелар 25:1-9. Шун бӀаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаӀор-ломахь мел динарг. БаӀал-ПаӀорна тӀаьхьа мел хӀоьттинарг шун Везачу Дала, хӀаллак а вина, шуна юкъара дӀаваьккхина. 4 Ткъа шу, шайн Везачу Делах дӀакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.
5 Сан Везачу Дала сайна тӀедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тӀедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама. 6 Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“
7 Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш? 8 Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тӀедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дӀакховдош дерш санна? 9 Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. 10 ДӀадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХӀетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тӀе халкъ, Ас Сайн дешнаш дӀакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дӀахезча, кху лаьтта тӀехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Ӏамор ду цара“.
11- 4:11, 12 Арадаккхар 19:16-18; Ӏебархошка 12:18, 19. Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. 12 ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. 13- 4:13 Арадаккхар 31:18; 34:28; Карлабаьккхинарг 9:10. Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира. 14- 4:14 Арадаккхар 21:1. ХӀетахь тӀедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тӀедовлучу лаьтта тӀехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тӀедехкинарш а шуна Ӏамор».
ЦӀушна Ӏамалъярх лардала дезарх лаьцна
15 «Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш. 16- 4:16 Арадаккхар 20:4; Ӏамалъяр 26:1; Карлабаьккхинарг 5:8; 27:15. Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цӀу а вина – стеган я зудчун вастехь, 17- 4:17, 18 Римхошка 1:23. лаьтта тӀехь дехачу дийнатан я стигалахь тӀемадолучу олхазаран вастехь, 18 лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чӀеран вастехь. 19 Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. 20- 4:20 Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 7:6; 14:2; 26:18; Тите 2:14; 1 Кипин 2:9. Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хӀинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. 21- 4:21 Лелар 20:12. Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла. 22 Йордан-хина дехьа а ца волуш, хӀокху лаьтта тӀехь лийр ву со, ткъа шу дехьа а девр ду, и токхе латта аша шайн дола а доккхур ду. 23 Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а. 24- 4:24 Ӏебархошка 12:29. ХӀунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хӀума ягийна дӀайоккхур йолу цӀе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву.
25 Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Ӏан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цӀу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тӀаккха Иза дарлур ву. 26 Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду. 27- 4:27, 28 Карлабаьккхинарг 28:36. Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду. Везачу Эло шу дӀалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кӀезиг бен дийна дуьсур дац. 28 Аша цигахь кхечу деланашна Ӏибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тӀулгах а, царна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хеза, цаьрга хӀумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогӀу. 29- 4:29 Ярми-ЯхӀу 29:13. Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. 30 Хало шайна тӀееача, тӀаьхьо и дерриг а шайна тӀенисделча, шу шайн Везачу Далла тӀедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугӀур ду. 31 Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дӀатосур а дац, хӀаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чӀагӀо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац».
Исраил шатайпа халкъ хилар
32 «Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тӀехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хӀара санна сийлахь гӀуллакх, я хезний те хӀара санна дерг? 33 ТӀаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цӀеран юккъера схьадечу къамелаца? 34 Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! 35- 4:35 Марк 12:32. И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дӀахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. 36 Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна. 37 Шун дай Шена безна дела, царах йисина тӀаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна. 38 Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дӀалахкархьама а, шу церан лаьтта тӀе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хӀинца иза ма-дарра. 39 ДӀа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тӀехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. 40 Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».
ДӀалачкъа йина гӀаланаш
41- 4:41-43 ЮшаӀ 20:8, 9. Цул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро. 42 Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама. 43 Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.
Делера болу итт хьехам бовзийтале
44 ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу. 45 Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш. 46 Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера. 47 Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша. 48 Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана+ 4:48 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *Сириюн-лам. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Сиюн-лам.* тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу). 49 Царна чу йогӀура Йордан-хина малхбалехьа йолу Ӏариба-тогӀи, Пасга-ломан кӀажехь болчу Ӏариба-хӀордана тӀекхаччалц.
5Делера болу итт хьехам
(Арадаккхар 20:1-17)
1 Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш. 2 Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь. 3 Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина. 4 Веза Эла ломахь йолчу цӀерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга. 5 Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дӀадийцархьама. ХӀунда аьлча шу, цӀерах шаьш кхерарна, лам тӀе ца довлура.
ХӀетахь Везачу Эло иштта элира: 6 „Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
7 Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.
8- 5:8, 9 Ӏамалъяр 26:1; Карлабаьккхинарг 4:15-18; 27:15. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. 9- 5:9, 10 Арадаккхар 34:6, 7; Лелар 14:18; Карлабаьккхинарг 7:9, 10. Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до. 10 Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
11- 5:11 Ӏамалъяр 19:12. Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
12- 5:12 Арадаккхар 16:23-30; 31:12-14. Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 13- 5:13, 14 Арадаккхар 23:12; 31:15; 34:21; 35:2; Ӏамалъяр 23:3. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 14 Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза. 15 Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дӀакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоӀу де лардан шуна тӀедиллина шун Везачу Дала.
16- 5:16 а: Карлабаьккхинарг 27:16; Маттай 15:4; 19:19; Марк 7:10; 10:19; Лака 18:20; Эпасхошка 6:2; б: Эпасхошка 6:3. Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.
17- 5:17 Доладалар 9:6; Ӏамалъяр 24:17; Маттай 5:21; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Эпасхошка 6:3; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Адам ма де.
18- 5:18 Ӏамалъяр 20:10; Маттай 5:27; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9; Эпасхошка 6:3; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Нахаца ма лела.
19- 5:19 Ӏамалъяр 19:11; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9. Къола ма де.
20- 5:20 Арадаккхар 23:1; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
21- 5:21 Римхошка 7:7; 13:9. Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цӀа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма езийта“.
22- 5:22-27 Ӏебархошка 12:18, 19. ХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».
Халкъ кхоьру
(Арадаккхар 20:18-21)
23 «Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а. 24 Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар. 25 Кхин а цкъа вай дала йиш хӀунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цӀеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду. 26 Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу? 27 ТӀе а верзий, ладогӀа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТӀаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугӀур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.
28 Везачу Элана дӀахезира шун дешнаш, соьга къамел деш аша аьлла долу. Цо соьга иштта элира: „Суна хезира хӀокху халкъо хьоьга аьлларг. Цара мел аьлларг дика ду. 29 ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама! 30 Вало, дӀаала цаьрга: ‘Шайн четарш чу юхадерза’. 31 Ткъа хьо кхузахь Соьца виса. Ас хьоьга дӀаэр ду массо а весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Халкъана хьеха деза ахьа уьш, Ас шайн дола доккхун долчу лаьтта тӀехь уьш иштта лелийтархьама“.
32 Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ма дерзалаш. 33 Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».
6Коьртачу весетах лаьцна
1 «ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу. 2 И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. 3 Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.
4- 6:4 Марк 12:29. ЛадогӀа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву+ 6:4 *Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву *– я иштта: *вайн Дела – Веза Эла ву, Веза Эла бен вац. *Я иштта: *вайн Веза Дела бен кхин цхьа а Дела вац.*. 5- 6:5 Маттай 22:37; Марк 12:30; Лака 10:27. Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. 6- 6:6-9 Карлабаьккхинарг 11:18-20. Тахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. 7 Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а. 8 Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна. 9 ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе».
ЛацадогӀарна дуьхьал дӀахьедар дар
10- 6:10 а: Доладалар 12:7; б: Доладалар 26:3; в: Доладалар 28:13. «Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю. 11 Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь, 12 варелаш, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш! 13- 6:13 Маттай 4:10; Лака 4:8. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа. 14 Цхьана а кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тӀаьхьа ма хӀитталаш, 15 хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.
16- 6:16 а: Маттай 4:7; Лака 4:12; б: Арадаккхар 17:1-7. Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра. 17 ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу. 18 Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а, 19 берриш а шайн мостагӀий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дӀабахийтархьама а.
20 Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“ 21 аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. 22 ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь. 23 Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. 24 Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. 25 Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
7Везачу Элан долахь долу халкъ
(Арадаккхар 34:11-16)
1- 7:1 Векалийн 13:19. «Шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дӀалохкур ду – хьетахой, гӀиргӀашахой, эмархой, канаӀанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхӀ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. 2 Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. 3 Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоӀарий церан кӀенташка а ма бахийталаш, церан йоӀарий шайн кӀенташна а ма балабелаш. 4 ХӀунда аьлча цара шун кӀентий Сох дӀаберзор бу, кхечу деланашна Ӏамал яйтархьама. ТӀаккха Везачу Элан дераллин цӀе шуна тӀехьодур а ю, Цо шу сихха хӀаллакдийр а ду. 5- 7:5 Карлабаьккхинарг 12:3. Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш. 6- 7:6 Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 4:20; 14:2; 26:18; Тите 2:14; 1 Кипин 2:9. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.
7 Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – 8 Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваӀда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цӀа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан карара паргӀатдаьккхина. 9- 7:9, 10 Арадаккхар 20:5, 6; 34:6, 7; Лелар 14:18; Карлабаьккхинарг 5:9, 10. Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тӀаьхьенна тӀекхаччалц. 10 Амма Ша ца везачарна доггӀург Цо дийр ду, уьш хӀаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хӀоранна шена-шена догӀу таӀзар дан. 11 Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».
МуьтӀахь хиларна декъалдарш
(Карлабаьккхинарг 28:1-14)
12- 7:12-16 Карлабаьккхинарг 11:13-17. «Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогӀахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тӀаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваӀда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. 13 Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Ӏахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тӀехь. 14 Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг. 15 Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза. 16 Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.
17 Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“ – аьлла, шун даг чу дожахь, 18 ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг. 19 Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна. 20 Шун Везачу Дала царна бумбареш тӀехоьцур ю, шух дӀалечкъаш болу дийна биснарш хӀаллакьхиллалц. 21 Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. 22 Шун Везачу Дала и халкъаш кӀез-кӀезиг шуна хьалхара дӀалохкур ду. И халкъаш цхьана хеннахь хӀаллак ма делаш, аренашкара акхарой ца дебийтархьама. 23 Амма шун Везачу Дала шун кара дӀалур бу уьш. Царна тӀе боккха кхерам боссор бу, уьш хӀаллакбина бовллалц. 24 Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цӀераш стигал кӀелара а дӀайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хӀаллакбина бовллалц. 25 Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета. 26 Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».
8Везачу Эло Шен халкъана луш долчу лаьттах лаьцна
1 «Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дӀа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваӀда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. 2 Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. 3- 8:3 Маттай 4:4; Лака 4:4. Цо шу шаьш-шайна кӀезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хӀоттийна, гӀелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дӀагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хӀора дашца дехаш дуйла. 4 Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара. 5 Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а. 6 Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш. 7 Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. 8 Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. 9 Оцу лаьтта тӀехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хӀуманна тӀехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цӀаста доккхур ду. 10 Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».
Дела вицварх ларваларх лаьцна
11- 8:11-16 ХӀушаӀ 13:5, 6. «Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх. 12 Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цӀенош а дина, царна чохь шу даха хевшича, 13 шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча, 14 варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш. 15 Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. 16 Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а, 17 „Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хӀара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. 18 Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама. 19 Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла. 20 Везачу Эло шуна хьалхара хӀаллакдеш дӀадоху халкъаш санна, хӀаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугӀу дела».
9Везачу Эло Исраилан халкъана гӀо хӀунда до
1 «ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. 2 Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегӀ долу а Ӏаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Ӏаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“ 3 Ткъа хӀинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цӀеро санна, дерриг а дӀакхоллург волу. Цо уьш хӀаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дӀа а лохкур бу, хӀаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.
4 Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дӀалаьхкинчул тӀаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хӀара латта тхайн дола даккха“. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дӀалохкур ду уьш. 5 Шун Делан лаамехь хилар я шун догцӀеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн Ӏесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дӀалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахӀиме, Исхьакхе, Якъубе – ваӀда деш делла дош кхочушдархьама. 6 Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».
Исраилхоша дашо эса дар
7 «Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгӀазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хӀокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. 8 Аша Хьариб-ломахь а оьгӀазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хӀаллакдина дӀадаххал дарвеллера. 9- 9:9 Арадаккхар 24:18. Везачу Эло шуьца бина барт тӀеязбина йолу тӀулган экъанаш схьаэца со лам тӀе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. 10 Везачу Эло Шен куьйга йоза тӀеяздина йолу тӀулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тӀехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цӀерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш. 11 Шовзткъа де-буьйса дӀадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тӀулган ши экъа, бартбаран экъанаш.
12 Везачу Эло соьга иштта элира: „ХьалагӀатта, дӀавала кхузара, ломара охьавосса. Мисар-махкара ахь арадаьккхина долу хьан халкъ дукха телхина ду. ХӀинцале а дӀабевлла уьш Ас шайна весет динчу новкъа тӀера, шайна лалийна цӀу а вина“.
13 Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан – иза аьрха халкъ ма ду! 14 Ма сецаве Со. Ас хӀаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цӀе дуьнен тӀера а дӀайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“.
15 Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра. 16 ДӀахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгӀин сибатехь шайна лалийна цӀу а вина. Шу сиха дӀадевллера Везачу Эло шуна дӀакхехьа динчу весетан некъа тӀера. 17 Ас и ший а экъа, схьа а эцна, сайн карара лаьттах а тоьхна, шун бӀаьргашна хьалха йохийра».
Исраилхошна тӀера Мусас доӀа дар
18 «Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгӀаз а вахийтина аша. 19- 9:19 Ӏебархошка 12:21. Со кхоьрура Везачу Элан оьгӀазлонах а, дераллах а, хӀунда аьлча шу хӀаллакдаллал чӀогӀа оьгӀазваханера Иза. Амма Цо юха а ладуьйгӀира соьга. 20 АхӀаронна а чӀогӀа оьгӀазвахнера Веза Эла, иза хӀаллакваллал, амма ас оццу хенахь АхӀаронна тӀера а доӀанаш дира. 21 Ткъа аша дина къилахь хӀума, старгӀин и сурт, схьа а эцна, цӀергахь дагийра ас. ТӀаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тӀера охьаоьхучу хи чу тесира ас.
22- 9:22 а: Лелар 11:3; б: Арадаккхар 17:7; в: Лелар 11:34. ТабӀерехь, Массехь, Кхиброт-ХӀатаъвуэхь аша кхин а оьгӀазъоьхуьйтура Веза Эла. 23- 9:23 а: Лелар 13:18; б: Карлабаьккхинарг 1:21; в: Лелар 13:32; Карлабаьккхинарг 1:26; Ӏебархошка 3:16. Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьӀера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгӀира. 24 Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха.
25 Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хӀунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хӀаллакдийр ду. 26 ДоӀанна тӀехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргӀат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. 27 Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хӀокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Ӏесалле, цуьнан къиношка. 28 Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тӀехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хӀаллакдархьама’. 29 Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“».
10Делера болу итт хьехам шолгӀа схьаэцар
(Арадаккхар 34:1-10)
1 «Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала. 2 Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“.
3 ТӀаккха акаци олучу дечигах ас тӀорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тӀе велира. 4 Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира. 5 ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю».
6 (- 10:6 Лелар 20:28; 33:38. Исраилхой Баировт-Баней-ЯӀакханера гӀунаш тӀера Мосире дӀабахара. АхӀарон дӀакхелхира, иза цигахь дӀавоьллира. Цуьнан метта динан да дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЭлиӀазар. 7 Эццара уьш Гуди-Гуде бахара, ткъа цу тӀера – Ютбате. Иза хиш долу латта дара. 8- 10:8 Лелар 3:5-8. ХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду. 9 Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дӀа-ма-аллара.)
10- 10:10 Арадаккхар 34:28. «Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тӀехь. Везачу Эло хӀинца а ладуьйгӀира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хӀаллакбан. 11 ТӀаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чӀагӀо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».
Везачу Элан омранаш
12 «Исраилан халкъ, хӀун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гӀуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. 13 Цунна лаьа ас тахана хьайна тӀедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама. 14 Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тӀехь мел дерг а. 15 Хьан дайшна тӀе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тӀаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. 16 Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дӀахададейша, ма хилийша кхин дӀа а юхахьара. 17- 10:17 1 Тимапига 6:15; Довзийтинарг 17:14; 19:16; Векалийн 10:34; Римхошка 2:11; Галатахошка 2:6; Эпасхошка 6:9. Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. 18 Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тӀевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тӀедуху хӀума а ло цунна. 19 Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, хӀунда аьлча шу шаьш а ма дара тӀедаьхкинарш Мисар-махкахь. 20 Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш. 21 Шайн хастамаш Цунна дӀало. Иза шун Дела ву. Шун бӀаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. 22- 10:22 а: Доладалар 46:27; б: Доладалар 15:5; 22:17. Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хӀинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».
11Делан сийлахьалла диц ца дайта беш болу хьехам
1 «Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь. 2 Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс, 3- 11:3 Арадаккхар 7:8–12:13. Цуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гӀуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна а, цуьнан халкъана а дина долу. 4- 11:4 Арадаккхар 14:28. Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра. 5 Шу хӀокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина. 6- 11:6 Лелар 16:31, 32. Раабанхочун Элиабан кӀенташна Датанна а, Абирамна а динарг шун берашна ца гина. ХӀетахь, латта дӀаса а декъаделла, уьш берриш а Исраилан халкъана юкъара лаьтто дӀаийцира: церан доьзалш а, церан четарш а, церан мел хилла болу бахам а. 7 Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».
Халкъана кхочун долчу лаьтта тӀехь Дала лун долу дика
8 «Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама. 9 Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ. 10 Шайна схьадаккха шу тӀедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хӀуш тесначул тӀаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура. 11 Ткъа шу шайн дола даккха тӀедоьлху и латта лаьмнаш а, тогӀеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догӀанийн хи молу. 12 Шун Везачу Дала гӀайгӀа еш долчу оцу лаьтта тӀехь даим бу шун Везачу Делан бӀаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц.
13- 11:13-17 Ӏамалъяр 26:3-5; Карлабаьккхинарг 7:12-16; 28:1-14. Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, – 14 Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. 15 Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу. 16 Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх. 17 ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду.
18- 11:18-20 Карлабаьккхинарг 6:6-9. Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама. 19 Шайн кӀенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а. 20 ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе, 21 Везачу Эло шун дайшна дӀабала чӀагӀо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тӀехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь.
22 Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, – 23 Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша. 24- 11:24, 25 ЮшаӀ 1:3-5. Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тӀекхаччалц, Эпрат-хина тӀера Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀе кхаччалц хир ду шун дозанаш. 25 Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
26 Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неӀалт кхайкхор. 27 Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду. 28 Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догӀахь, тахана ас весет деш болчу некъа тӀера шу дӀадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тӀаьхьа шу хӀиттахь, шуна неӀалт кхайкхор ду. 29- 11:29 Карлабаьккхинарг 27:11-14; ЮшаӀ 8:33-35. Шун Везачу Дала шайн дола даккха тӀедуьгучу лаьтта тӀе шу далийча, Герзим-лам тӀера декъалдаран дешнаш дӀаала, ткъа Ӏейбал-лам тӀера неӀалт кхайкхоран дешнаш дӀаала. 30 (Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахӀ олучу ножан дитташна уллохь, Ӏариба-тогӀи чохь бехачу канаӀанхойн лаьтта тӀехь йолчу Галгал-гӀалина юххехь.) 31 Шун Везачу Дала шуна дӀалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тӀехь дехар долчу хенахь, 32 тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».
12Ӏибадат деш цхьа меттиг хила езарх лаьцна
1 «ХӀорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тӀедехкинарш а. 2 Аша дӀалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Ӏамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тӀера, баьрзнаш тӀера, муьлххачу а дӀасадаьржина гаьннаш долчу диттана кӀелара – йохаяй дӀаяха. 3- 12:3 Карлабаьккхинарг 7:5. Церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дагаде, церан цӀу-деланаш дӀахедабелаш, оцу харцделанийн цӀераш а дӀаяхалаш оцу меттера.
4 Оцу халкъаша харцделанашна Ӏибадат даре терра шайн Везачу Далла Ӏибадат ма делаш. 5 Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла. 6 Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгӀа дакъа а, шайн совгӀаташ а, шаьш йинчу чӀагӀонца а, шайн лаамца а луш долу сагӀанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а даладе цу метте. 7 Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.
8 Аша цигахь, оха кхузахь хӀинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХӀинццалц шух хӀораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагӀанаш дохура. 9 Шу цкъа хӀинца а паргӀато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тӀе ма ца девлла. 10 Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тӀехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагӀех Цо, шу паргӀат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. 11 ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а. 12 Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). 13 Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарх. 14 Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.
15 Вуьшта-м, шу мел дехачу гӀаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цӀена волчунна а, цӀена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна. 16- 12:16 Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 15:23. Амма, варелаш, дийнатийн цӀийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш иза. 17 Шайн Ӏаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кӀен а, керлачу чагӀаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгӀа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а, ваӀданца аша Далла лун мел йолу хӀума а, шайн лаамца дӀалуш долу сагӀанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгӀаташ а. 18 Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. 19 Варелаш, шайн лаьтта тӀехь шу мел деха, левихой дӀа ма татталаш.
20 Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. 21 Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагӀна урс хьакха мегар ду, ас тӀе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гӀаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду. 22 Иза масаран а, сен а жижиг дууш санна даалаш. Далла хьалха цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду иза шу долчохь. 23- 12:23, 24 Ӏамалъяр 17:10-14. Амма, варелаш, цӀий даарх чӀогӀа ларлолаш, хӀунда аьлча цӀий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. 24 Ма даалаш иза, хи санна, дӀаӀанаделаш иза лаьтта тӀе. 25 Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша. 26 Деккъа шайн хир долу деза хӀума а, шаьш йинчу чӀагӀонца дерг а дахьаш схьадуьйла шайн Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге. 27 Дийнаташ дагоран сагӀанийн жижиг а, цӀий а шайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь даха дезаш ду. Кхидолчу сагӀанийн цӀий хьайн Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀаӀано дезаш ду, ткъа оцу сагӀанийн жижиг аша даа мегар ду. 28 Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».
ЦӀушна Ӏамалъярх лардаларх лаьцна
29 «Шайн дола даккха шу чугӀуртучу лаьтта тӀера халкъаш шун Везачу Дала дӀадаьхча, аша уьш цигара дӀа а лаьхкина, церан лаьтта тӀехь шу даха охьахевшича, 30 ларлолаш речӀанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хӀаллакдина дӀадаьхча, царна тӀаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХӀокху халкъаша шайн деланашна гӀуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. 31 Шайн деланашна цара Ӏамал ечу кепара шайн Везачу Далла Ӏамал ма елаш, хӀунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кӀентий а, шайн йоӀарий а, шайн деланашна лоруш, цӀергахь багабо.
32- 12:32 Карлабаьккхинарг 4:2; Довзийтинарг 22:18, 19. Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хӀума тӀе а ма тохалаш, дӀа а ма даккхалаш».
131 «Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гӀенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хӀуманаш довзийтахь, 2 ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀуьттур ду вай, царна гӀуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – 3 ахьа оцу пайхамаре я оцу гӀенаш гуш волчуьнга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча ишттачу хӀуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. 4 Шайн Везачу Далла тӀаьхьахӀитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогӀалаш, Цунна гӀуллакх делаш, Цунна тӀетовжалаш. 5 Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
6 Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. 7 Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. 8 Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. 9 Амма иза вей дӀаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тӀе айина, иза верхьама. Цул тӀаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тӀехь. 10 Цунна и валлалц тӀе тӀулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цӀийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дӀаверзийта уьш гӀерта дела. 11 Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
12 Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна, 13 шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гӀалин бахархой Ӏехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гӀуллакх дийр ду вай“, – бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза. 14 Ахь оцу хӀуманах лаьцна хаттарш де, и хӀума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь, 15 оцу гӀалин массо а бахархой тур хьаькхна хӀаллакбелаш. Ерриг а гӀала, Далла леринан дӀа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха. 16 Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза. 17 Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра. 18 Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».
14Веллачунна саготта хилар
1- 14:1 Ӏамалъяр 19:28; 21:5. «Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ. 2- 14:2 Арадаккхар 19:5, 6; Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 26:18; Тите 2:14; 1 Кипин 2:9. ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».
Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
(Ӏамалъяр 11:1-47)
3 Мусас кхидӀа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хӀума ма яалаш. 4 ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий, 5 сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. 6 КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 7 Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю. 8 Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта.
9 Хи чохь дехачу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа. 10 Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду.
11 Олхазарех а даа хьанал дерш. 12 Амма царах долу хӀорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 13 шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а, 14 шен тайпанашца муьлхха къиг а, 15 страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 16 соька а, ибис а, кӀайн бухӀа а, 17 пеликан а, сип а, чӀерийдохург а, 18 аист а, шен тайпанашца зуя+ 14:18 *Зуя *– иза чӀерий лоьцургийн тайпанах долу олхазар хила тарло.* а, хӀуттут а, бирдолаг а.
19 ТӀемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш. 20 Ткъа тӀемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду.
21- 14:21 Арадаккхар 23:19; 34:26. Цхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду.
Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
Кхиийначух уьтталгӀа дакъа дӀадаларх лаьцна хьехам
22- 14:22-29 Ӏамалъяр 27:30-33; Лелар 18:21. «ХӀора шарахь шайн кхашна тӀехь, хӀу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дӀакъастаде. 23 Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама. 24 Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгӀа дакъа цига шу дӀадахьалуш дацахь, 25 и дерриге а детих хийца. ТӀаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла. 26 Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.
27 Шайн гӀаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хӀунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. 28 Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгӀа дакъа дерриге а дӀа а къастадай, оццу шарахь шайн гӀаланашкахь дӀадилла. 29 ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».
15ВорхӀалгӀачу шарах лаьцна
(Ӏамалъяр 25:1-7)
1 «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. 2 Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хӀума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хӀунда аьлча Везачу Эло дӀакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла. 3 Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.
4 Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду. 5 Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугӀур дацахь а, тахана ас шайна тӀедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а. 6 Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац.
7- 15:7, 8 Ӏамалъяр 25:35. Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тӀерачу цхьана гӀалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чӀагӀ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гӀо дан. 8 Амма шайн куьйгаш дӀа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. 9 „Декхарш дуьтуш долу ворхӀалгӀа шо тӀекхочуш ду“, – боху цӀена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бӀаьрмециг довла мега, цунна юхалург хӀума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тӀаккха иза шуна къилахь лорур ду. 10 ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду. 11- 15:11 Маттай 26:11; Марк 14:7; Яхьъя 12:8. Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тӀехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».
Леш лелорах лаьцна
(Арадаккхар 21:1-11)
12- 15:12-18 Ӏамалъяр 25:39-46. «Нагахь санна шун Ӏебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза. 13 Шаьш иза дӀахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза. 14 Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагӀех, шайн хьаьтта тӀера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДӀало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина. 15 Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргӀатдахар а. Цундела тӀедуьллу ас шуна тахана хӀара.
16 Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дӀа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, – 17 аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неӀарх Ӏотта. ТӀаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гӀарбашна а. 18 Холчу ма даккха шайна иза дӀахеца везаш хилар, хӀунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тӀехь шу декъалдийр ду».
Дуьххьарлера бежанаш а, уьстагӀий а
19- 15:19 Арадаккхар 13:12. «Шайн бежанех а, уьстагӀех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хӀума шайн Везачу Далла дӀакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тӀехь болх ма белахь, дуьххьарлера Ӏахар ма ларгалахь. 20 Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь. 21 Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тӀехь цхьа айп делахь, астагӀа я бӀаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагӀина лерина дӀа ма ло иза. 22 Амма шайн гӀаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна. 23- 15:23 Доладалар 9:4; Ӏамалъяр 7:26, 27; 17:10-14; 19:26; Карлабаьккхинарг 12:16, 23. Амма цуьнан цӀий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш».
16Пасахьан дезачу денойх лаьцна
(Арадаккхар 12:1-20)
1- 16:1-8 Арадаккхар 12:1-20; Ӏамалъяр 23:5-8; Лелар 28:16-25. «Абиб+ 16:1 *Абиб *– Ӏебархойн календарца хьалхара бутт бара. Вайн календарца март-апрель беттанашкахь нисло иза.* олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хӀунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу. 2 Везачу Эло Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагӀа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха. 3 Цуьнан жижигца совсийна хӀума ма яалаш. ВорхӀ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хӀунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. 4 ВорхӀ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хӀума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагӀа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Ӏуьйренга ма далийта.
5 Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гӀаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагӀина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. 6 Шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дӀабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. 7 Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгӀачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. 8 Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дӀахӀоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».
Ялта чудерзоран деза де
(Арадаккхар 34:22; Ӏамалъяр 23:15-21)
9- 16:9-12 Ӏамалъяр 23:15-21; Лелар 28:26-31. «Маьрсаца кӀа хьокхучу хьалхарчу денна тӀера ворхӀ кӀира дагарде. 10 Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. 11 Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Ӏайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кӀентий а, йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а, тӀебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Ӏаш болу зударий а. 12 Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».
Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош
(Ӏамалъяр 23:33-43)
13- 16:13-15 Ӏамалъяр 23:33-36, 39-43; Лелар 29:12-38. «Кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ворхӀ дийнахь дазде, шаьш аренаш тӀера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагӀар схьадаьккхина девлча а. 14 Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кӀенташа а, йоӀарша а, шун леша а, гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш болчу левихоша а, тӀебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. 15 ВорхӀ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хӀунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тӀехь а, шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а декъалдина ду шу.
16 Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дӀахӀотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. 17 ХӀорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгӀат карахь а дахьаш ван веза».
Кхелъяр
18 «Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гӀаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тӀехьовсурш а дӀахӀиттабе. Иза де цаьрга халкъана тӀехь нийса кхел яйтархьама. 19- 16:19 Арадаккхар 23:6-8; Ӏамалъяр 19:15. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту. 20 Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а.
21- 16:21 Арадаккхар 34:13. Шайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш 22- 16:22 Ӏамалъяр 26:1. Харцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».
171 «Шайн Везачу Далла сагӀина сакхт долу, я кхин заралла долу сту я уьстагӀ ма балаш, хӀунда аьлча иза Цунна дегаза хета. Иза Везачу Далла хьалха дегаза ду.
2 Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гӀалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, 3- 17:3 Арадаккхар 22:20. нагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь, 4 ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гӀуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хӀума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, 5 аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса. 6- 17:6 Лелар 35:30; Карлабаьккхинарг 19:15; Маттай 18:16; 2 Коринтхошка 13:1; 1 Тимапига 5:19; Ӏебархошка 10:28. Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза. 7- 17:7 1 Коринтхошка 5:13. Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
8 Нагахь санна цхьа къовсаме долу гӀуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гӀуллакх цӀий Ӏанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гӀаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гӀовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дӀагӀо. 9 Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тӀе а гӀой, цаьрга хатта, тӀаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. 10 И гӀуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. 11 Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тӀедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тӀера я аьтту, я аьрру агӀор ма довлалаш. 12 Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам. 13 Иза дерриге а халкъана дӀахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидӀа кӀоршаме лелар бац».
Паччахьах лаьцна долу весет
14- 17:14 Шамъал 8:5. «Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тӀехь паччахь дӀахӀоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хӀоттаварра“. 15 Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дӀахӀоттавелаш шайна тӀехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла дац. 16- 17:16 2 Шерашкахь 1:16; 9:28. Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хӀунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. 17- 17:17 а: Шамъал 11:1-8; б: Шамъал 10:14-22, 27; 2 Шерашкахь 1:15; 9:27. Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. 18 Амма шен паччахьаллин гӀанта тӀе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тӀера хӀара товрат-хьехамаш шена дӀаязбан беза цо. 19 И дӀаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Ӏамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а. 20 Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тӀера дӀа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агӀор, иза а, цуьнан кӀентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тӀехь паччахьалла деш хилийтархьама».
18Дахарехь динан дайн декъах лаьцна
1 «Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагӀанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. 2- 18:2 Лелар 18:20. Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара.
3 Стерчий я уьстагӀий сагӀина деанчу наха динан дайшна дӀаяла еза цу дийнатийн хӀара меженаш: тӀа а, мочхалш а, искиртиг а. 4 Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна. 5 ХӀунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тӀаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гӀуллакх дархьама.
6 Муьлхха а левихо, ша Ӏийначу гӀали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дӀа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву. 7 Цигахь Везачу Элана Ӏамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гӀуллакх деш иза велахь, 8 вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».
Кхечу къаьмнийн нехан гӀиллакхех ларвалар
9 «Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гӀуллакхаш дан ма Ӏамалаш. 10- 18:10 а: Ӏамалъяр 19:26; б: Арадаккхар 22:18. Шайна улло ма вита шен кӀант я йоӀ цӀергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, 11- 18:11 Ӏамалъяр 19:31. адамийн синош тӀедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гӀерташ верг. 12 ХӀунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гӀуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дӀалохку Цо и халкъаш, церан боьха гӀуллакхаш бахьана долуш. 13- 18:13 Маттай 5:48. Шайн Везачу Далла хьалха цӀена хила».
Пайхамар воуьйтур ву аьлла, ваӀда дар
14 «Аш дӀалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугӀу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла. 15- 18:15 Векалийн 3:22; 7:37. Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогӀа.
16 Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ – бохуш. 17 Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. 18 Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тӀаккха Ас Шена тӀедиллинарг нахе дӀаэр ду Цо. 19- 18:19 Векалийн 3:23. Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгӀначуьнгара Ас жоп доьхур ду. 20 Ас шена тӀедиллина доцург Сан цӀарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цӀарах къамел деш волу пайхамар а хӀаллакве“.
21 Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“ 22 Нагахь пайхамаро Везачу Элан цӀарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»
19ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш
(Лелар 35:9-34; ЮшаӀ 20:1-9)
1- 19:1-13 ЮшаӀ 20:1-9. «Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу. 2 ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае. 3 Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама. 4 Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш. 5 Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама. 6 И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела. 7 Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла.
8 Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) 10 Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.
11 Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагӀа а хилла, иза лар а вина, цунна тӀе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гӀала дӀавадахь, 12 тӀаккха цуьнан гӀаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тӀаьхьа нах бахийта беза. И стаг чӀир йоькхучу нехан кара дӀавала веза, иза валийтархьама. 13 Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».
Латта лачкъорах а, харцтоьшалла дечех а лаьцна
14- 19:14 Карлабаьккхинарг 27:17. «Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.
15- 19:15 Лелар 35:30; Карлабаьккхинарг 17:6; Маттай 18:16; Яхьъя 8:17; 2 Коринтхошка 13:1; 1 Тимапига 5:19; Ӏебархошка 10:28. Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац 16 Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Ӏесалла ялийтина иза бехке а веш, 17 тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла. 18 И гӀуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь, 19 тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. 20 Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац. 21- 19:21 Арадаккхар 21:23-25; Ӏамалъяр 24:19, 20; Маттай 5:38. Къа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког».
20ТӀемах лаьцна тӀедиллинарг
1 «Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. 2 Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза: 3 „ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш! 4 ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.
5 ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду. 6 Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах. 7 Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.
8 ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“. 9 Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама.
10 Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш. 11 Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу. 12 Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш. 13 Шун Везачу Дала и гӀала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хӀаллакбе туьран ираллица. 14 Амма цуьнан ерриг а хӀонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гӀалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагӀийн хӀонсах шайна пайда эцалаш. 15 Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна.
16 Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш. 17 Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 18 Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.
19 Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу. 20 Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».
21Гучудахаза долу адамаш дайарш
1 «Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь, 2 шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза. 3 Велларг Ӏуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гӀалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар. 4 И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза. 5 Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а. 6 Веллачун юххехь йолчу оцу гӀалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогӀи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тӀехула а лоцуш. 7 Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара. 8 Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду. 9 Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».
Йийсарехь болчу зударех лаьцна
10 «Шайн мостагӀашна дуьхьал шу тӀом бан дахча, шун Везачу Дала уьш шун кара схьабелча, аш царна йийсар дича, 11 оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагӀахь, 12 оцу стага иза шен цӀа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дӀа а ларгийта, мӀараш дӀа а хедаяйта. 13 Шена тӀехь йолу йийсархочун бедарш а дӀаяхийта цуьнга. Цо иза шен кертахь Ӏайта. Цхьана баттахь шен дена а, шен нанна а белхар дайта цуьнга. Цул тӀаьхьа оцу стеган йиш хир ю, цунах куьг а тоьхна, цуьнан майра хила. ТӀаккха иза цуьнан зуда хир ю. 14 Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дӀаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дӀайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».
Дуьххьарлерчу боьршачу доьзалхочун бакъо
15 «Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь – езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, – ткъа оцу шинна а зудчун – езаш йолчун а, езаш йоцучун а, – кӀентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кӀант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь, 16 тӀаккха, кӀенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кӀантера езачу зудчун кӀантана дӀадала дуьххьарлера доьзалхо хилар. 17 Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».
МуьтӀахь воцучу кӀантах лаьцна
18 «Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугӀуш юхахьара а, аьрха а кӀант велахь, дас-нанас шена таӀзар дича а, иза ладугӀуш а вацахь, 19 цуьнан дас-нанас иза шайн гӀалин къаношна тӀевало веза, шаьш дехачу гӀалин кевнехь кхел яйта. 20 Дас-нанас шайн гӀалин къаношка иштта дӀаала деза: „ХӀара тхан кӀант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хӀара ладугӀуш а вац, хӀара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“. 21 Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».
Оьздангаллин парзаш
22 «Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тӀаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь, 23- 21:23 Галатахошка 3:13. цу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».
221- 22:1-4 Арадаккхар 23:4, 5. «Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза. 2 Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза. 3 Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац.
4 Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.
5 Зударшна тӀехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хӀунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета.
6 Нагахь санна некъ беш цхьана дитта тӀехь я лаьтта тӀехь чохь кӀорнеш я хӀоаш долу олхазаран бен шуна нислахь, ткъа церан нана оцу кӀорнеш тӀе я хӀоаш тӀе хиъна хилахь, и нана кӀорнешца цхьаьна схьа ма эцалаш. 7 КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.
8 Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама.
9- 22:9-11 Ӏамалъяр 19:19. Шайн кемсийн бешахь кхечу хӀуманийн хӀуш ма де. Аша кхечу хӀуманийн хӀуш цигахь дехь, дерриг а ялта – аша дийнарг а, кемсийн стоьмаш а – аша шайна схьагулдан мегар дац.
10 Сту а, вир а цхьаьна дӀа ма йожа, цаьрца охана дархьама.
11 Шайна тӀе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу.
12- 22:12 Лелар 15:37-41. Шаьш тӀетосучу хӀуманна еа а маьӀӀе чечакхаш тӀетега».
Маренца йоьзна йолу цӀеналла
13 «Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тӀаьхьа и зуда чӀогӀа еза а ца елла, 14 цунна дуьхьал телхина гӀуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цӀе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хӀара зуда ялийнера, амма иза йоӀстаг ца хилла“, – алахь, 15 оцу кхиъначу йоӀан дас-нанас шайн йоӀ йоӀстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гӀалин къаношка дӀагайта еза гӀалин кевнехь. 16 Оцу йоӀан дас къаношка иштта дӀаала: „Сайн йоӀ аса хӀокху стаге маре дӀаелла, ткъа хӀинца иза цунна ца еза. 17 Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоӀ йоӀстаг хилар’. ХӀара ю сан йоӀ йоӀстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хӀума гӀалин къаношна хьалха охьаюьллур ю. 18 Ткъа гӀалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таӀзар дийр ду. 19 Оцу стагана бӀе шекхал дети далар тӀедуьллур ду. И ахча йоӀан дена дӀалур ду, исраилхойн йоӀах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дӀакъастар.
20 Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоӀ йоӀстаг ца хилахь, 21 тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
22 Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дӀадаккха.
23 Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гӀалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, 24 и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
25 Нагахь санна захало дийцина йолчу йоӀана арахь цхьаъ дуьхьал а ваьлла, катоьхна схьа а лаьцна, и йоӀ цо хьийзинехь, тӀаккха цуьнца хилла волу и стаг бен вен ца веза, 26 ткъа йоӀана хӀумма а ма де: оцу йоӀана тӀехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХӀунда аьлча иштта дина хӀума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду. 27 Цо и йоӀ аренгахь схьалаьцна, йоӀа мохь мел хьекхарх, иза кӀелхьаръяккха стаг ца хилла цигахь.
28- 22:28, 29 Арадаккхар 22:16, 17. Нагахь санна, цхьамма захало дийцина йоцучу йоӀана дуьхьал а ваьлла, схьа а лаьцна, иза хьийзича, и хӀума гучудалахь, 29 тӀаккха оцу йоӀаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дӀакъаста дихкина ду оцу стагана.
30- 22:30 Ӏамалъяр 18:8; 20:11; Карлабаьккхинарг 27:20. Цхьаммо а шен ден кхин зуда йига а ца еза, и дарца шен ден дӀавуьжу мотт сийсаз а беш».
23Везачу Элан халкъах дӀакъастор
1 «Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дӀахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц. 2 КъотӀалгӀавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига ваха.
3- 23:3-5 Нахьми-ЯхӀу 13:1, 2. Ӏамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига баха. 4- 23:4 Лелар 22:1-6. ХӀунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахӀараймерачу Патур-гӀалара БеӀаран кӀант волу БалиӀам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неӀалт кхайкхадайтархьама. 5- 23:5 Лелар 23:7–24:9. Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиӀаме ладогӀа. Шун Везачу Дала цуьнан неӀалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела. 6 Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хӀумма а ма делаш.
7 Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела. 8 Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».
Меттамотт дӀахӀоттийначохь цӀано латторах лаьцна
9 «Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш. 10 Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза. 11 Суьйре тӀееача, цо шен дегӀ хица дила деза. Цул тӀаьхьа, малх дӀабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.
12 Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю. 13 Шуьгахь герзал сов белаш хила еза, меттаматтара ара а довлий, шайна нишке даха белаца кӀаг баккха, цул тӀаьхьа шайгара даьлларг белаца къайладаккха. 14 ХӀунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагӀий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цӀена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дӀа ца верзийтархьама».
ТӀедехкина парзаш
15 «Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагӀахь, иза олахочунна дӀа ма ло. 16 Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.
17- 23:17 Ӏамалъяр 19:29. Исраилхойн йоӀарех цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кӀенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца леларг. 18 Далла дина ваӀда такхархьама, цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цӀа чу ма далаш, хӀунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.
19- 23:19, 20 Арадаккхар 22:25; Ӏамалъяр 25:36, 37; Карлабаьккхинарг 15:7-11. Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хӀуманна а тӀе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. 20 Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.
21- 23:21 Лелар 30:2-17; Маттай 5:33. Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду. 22 Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац. 23 Шайн баганца шаьш шайн лаамца чӀагӀо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чӀагӀо йина дела.
24 Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегӀи чу ма яхка уьш. 25 Шайн уллорачун кха тӀе шаьш даьхкича, цу тӀера кӀен кенаш куьйгашца схьадаха мегар ду, амма шайн уллорачун кха тӀехь марс ма хьакха».
24ДӀакъаьстина зуда юха маре яхарх лаьцна
1- 24:1 Маттай 5:31; 19:7; Марк 10:4. «Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту. 2 И зуда, цуьнан цӀенна тӀера дӀа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. 3 Амма, масала, иза шолгӀачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дӀа а делла, и зуда шен цӀа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгӀа майра дӀакхалха мега. 4 ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».
Хьехамаш
5 «Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тӀаме ваха а ца веза, цхьа а хӀума цунна тӀедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргӀат шен цӀахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.
6 Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.
7- 24:7 Арадаккхар 21:16. Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.
8- 24:8 Ӏамалъяр 13:1–14:54. Варелаш, кхераме чкъуран цамгар кхеттехь, левихойх болчу динан дайша шайна мел хьехнарг леррина кхочушделаш. Ас царна тӀедиллинарг а леррина кхочушделаш. 9- 24:9 Лелар 12:10. Дагадаийталаш шайн Везачу Дала шу Мисар-махкара арадевлла догӀучу хенахь Маремана динарг.
10- 24:10-13 Арадаккхар 22:26, 27. Нагахь санна шух цхьаммо шен уллорачунна юхалург цхьа хӀума еллехь, цуьнан цӀа чу ма гӀо, цуьнгара закъалт схьаэцархьама. 11 Шу арахь совца, ткъа шуьгара юхалург хӀума яьхьначуьнга закъалтана шуьга луш ерг шега араяккхийта. 12 Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тӀехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дӀа ма дийшалаш. 13 Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.
14- 24:14, 15 Ӏамалъяр 19:13. Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гӀаланех цхьанна чохь Ӏаш волу тӀевеанарг иза велахь а. 15 Цунна дӀабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дӀало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Ӏаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама.
16- 24:16 Дауд 14:6; 2 Шерашкахь 25:4; Яхьазкхиал 18:20. Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Ӏожаллин таӀзар догӀу зулам далийтина хӀорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза.
17- 24:17, 18 Арадаккхар 23:9; Ӏамалъяр 19:33, 34; Карлабаьккхинарг 27:19. ТӀевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тӀехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. 18 Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар, ткъа шун Везачу Дала шу цигара паргӀатдаьхна хилар. Цундела тӀедуьллу ас хӀара кхочушдар.
19- 24:19-21 Ӏамалъяр 19:9, 10; 23:22. Шун кха тӀехь ялта чудерзош шуна цхьа цӀов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гӀуллакхаш тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. 20 Шайн зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгийча, юха ма дерза, кхин а цкъа гаьннашна гӀаж еттархьама. Дисинарг дита уьш тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а. 21 Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш. 22 Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар. Аса цундела тӀедуьллу шуна хӀара дар».
251 «Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза. 2 Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза. 3- 25:3 2 Коринтхошка 11:24. Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама.
4- 25:4 1 Коринтхошка 9:9; 1 Тимапига 5:18. Оручу стеран бат дӀа ма къовла».
Веллачу вешина лерина долу декхар
5- 25:5, 6 Маттай 22:24; Марк 12:19; Лака 20:28. «Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. 6 Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама. 7- 25:7-10 Рути 4:7, 8. Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. 8 ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь, 9 цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“. 10 ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, – аьлла».
Кхиболу хьехамаш
11 «Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь, 12 цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш.
13- 25:13-16 Ӏамалъяр 19:35, 36. Шун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а. 14 Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а. 15 Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. 16 ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».
Ӏамалекхахойх лаьцна тӀедиллинарг
17- 25:17-19 Арадаккхар 17:8-14; Шамъал 15:2-9. «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг: 18 новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. 19 Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».
26Дуьххьарлера ялта сагӀина лерина далар
1 «Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича, 2- 26:2 Арадаккхар 23:19. шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо. 3 Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, – алий.
4 Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду. 5 Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. 6 Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура. 7 Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а. 8 ТӀаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тӀекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гӀуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. 9 ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо. 10 Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“.
Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо. 11 ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.
12- 26:12 Карлабаьккхинарг 14:28, 29. Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а. 13 Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина. 14 Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас. 15 Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».
Везачу Элан долахь долу халкъ
16 «ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш. 17 Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а. 18- 26:18 Арадаккхар 19:5; Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; Тите 2:14; 1 Кипин 2:9. Везачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза. 19 Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».
27ТӀулгашна тӀехь товрат-хьехам дӀаязбар
1 Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш. 2- 27:2-8 ЮшаӀ 8:30-32. Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха. 3 ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде. 4 И тӀулгаш, ас тахана шайна тӀе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Ӏейбал-лам тӀе дӀа а хӀиттаде, царна тӀе кир а тоха. 5- 27:5, 6 Арадаккхар 20:25. Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе. 6 И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха. 7 Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. 8 ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
9 Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла. 10 ХӀинца шайн Везачу Делан озе ладогӀа, тахана ас шайга дӀахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде».
Деле ла ца догӀарна неӀалт кхайкхор
11 Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира: 12- 27:12 Карлабаьккхинарг 11:29; ЮшаӀ 8:33-35. «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. 13 Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. 14 Айдинчу озаца дӀакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:
15- 27:15 Арадаккхар 20:4; 34:17; Ӏамалъяр 19:4; 26:1; Карлабаьккхинарг 4:15-18; 5:8. „НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“.
Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „ Амин!“
16- 27:16 Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16. „НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
17- 27:17 Карлабаьккхинарг 19:14. „НеӀалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
18- 27:18 Ӏамалъяр 19:14. „НеӀалт хуьлда бӀаьрзениг некъа тӀера галвоккхучунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
19- 27:19 Арадаккхар 22:21; 23:9; Ӏамалъяр 19:33, 34; Карлабаьккхинарг 24:17, 18. „НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
20- 27:20 Ӏамалъяр 18:8; 20:11; Карлабаьккхинарг 22:30. „НеӀалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дӀавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
21- 27:21 Арадаккхар 22:19; Ӏамалъяр 18:23; 20:15. „НеӀалт хуьлда хьайбанца дӀавижинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
22- 27:22 Ӏамалъяр 18:9; 20:17. „НеӀалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоӀах куьг тоьхначунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
23- 27:23 Ӏамалъяр 18:17; 20:14. „НеӀалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
24 „НеӀалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
25 „НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
26- 27:26 Галатахошка 3:10. „НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»
28МуьтӀахь хиларна декъалвар
(Ӏамалъяр 26:3-13; Карлабаьккхинарг 7:12-24)
1- 28:1-14 Карлабаьккхинарг 11:13-17. «Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ. 2 Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:
3 ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4 Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5 Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
6 Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.
7 Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.
8 Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.
9 Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. 10 ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина. 11 Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. 12 Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. 13 Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. 14 Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».
МуьтӀахь ца хилча деш долу таӀзар
(Ӏамалъяр 26:14-46)
15 «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу:
16 НеӀалт хир ду шуна гӀалахь а, арахь а.
17 НеӀалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.
18 НеӀалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагӀех а схьадаьллачу дохканна а.
19 НеӀалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.
20 Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц. 21 Шун доладан тӀедоьлхуш долчу лаьтта тӀера Ша хӀаллакдина дӀадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. 22 Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц. 23 Шуна тӀехуларчу стигалех цӀаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. 24 ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.
25 Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. 26 Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дӀакъахкош стаг а воцуш. 27 Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. 28 Везачу Эло хьерадовлар а, бӀарздалар а, Ӏадор а хуьлуьйтур ду шуна. 29 Дийнан делккъехь са а ца гуш, бӀаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гӀо а доккхур дац шуьгахьа. 30 Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дӀа. ЦӀенош дийр ду аша, амма царна чохь Ӏийр дац шу. Кемсаш югӀур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. 31 Шун старана шун бӀаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дӀа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагӀий мостагӀашна дӀалур ду, цхьаммо а гӀо доккхур дац шуьгахьа. 32 Шун кӀентий а, йоӀарий а кхечу халкъана дӀалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бӀаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. 33 Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаӀийна а хир ду шу. 34 Шайн бӀаьргашна гучух хьерадевр ду шу. 35 Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.
36 Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тӀе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тӀулгийн а цӀушна Ӏамал йийр ю аша. 37 Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.
38 Дуккха а ялта дӀадуьйр ду аша, амма кӀезиг гулдийр ду, хӀунда аьлча цӀазо дуур ду иза. 39 Кемсаш, дӀа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагӀар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хӀунда аьлча нӀаьно дӀадуур ду уьш. 40 Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тӀехь, амма даьтта хир дац шун, хӀунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. 41 КӀентий а, йоӀарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хӀунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. 42 Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цӀазо хӀаллакдийр ду. 43 Шуна юкъахь Ӏаш волу тӀевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. 44 Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.
45 И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира. 46 Шуна а, шун тӀаьхьенна а тӀехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таӀзар даран билгало хилла лаьттар ду и неӀалташ. 47 Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна. 48 Везачу Эло шайна тӀеваийтинчу мостагӀчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тӀебиллинчу безачу мохьо Ӏазапехь латтор ду шу. 49 Геннара, дуьненан йистера, халкъ тӀехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тӀелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. 50 И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. 51 Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагӀар а, даьтта а, стерчий а, уьстагӀий а дуьтур дац цара, шу хӀаллакдаллалц. 52 Шун массо а гӀалина тӀе а летта, дерриг а шун лаьтта тӀера шун бӀобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тӀехь ерриг а шун гӀаланашна тӀелетар бу уьш.
53 Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кӀентий а, йоӀарий а буур бу аша, мостагӀаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. 54 Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. 55 Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хӀунда аьлча цуьнан хӀумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагӀаша массо а гӀаланашкахь шу балане лаьцча. 56 Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Ӏийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Ӏарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кӀанте а, йоӀе а. 57- 28:57 ТӀаьххьарнаш 6:28, 29; Тийжамаш 4:10. Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегӀах схьакъаьстина беран цӀа а лур дац цо нахана, хӀунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагӀаша шайн гӀаланашкахь шу балане лаьцча.
58 Кху тептар тӀехь яздина тӀедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цӀарах шу ца кхерахь, 59 Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. 60 Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. 61 Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц. 62 Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш. 63 Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хӀаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тӀедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.
64 Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша. 65 Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаӀа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бӀаьргашкахь кӀаддалар а латтор ду шуна. 66 Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бӀобулуш хир дац шу. 67 Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бӀаьргашна гуш долчунна а Ӏуьйранна аш эр ду: „Суьйре тӀекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Ӏуьйре тӀекхачахьара-кх!“ – аьлла. 68 Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».
29Муаби-махкахь Везачу Элаца бина барт
1 Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.
2 Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг. 3 Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а. 4 Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама. 5 Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира. 6 Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“. 7- 29:7 а: Лелар 21:21-30; б: Лелар 21:31-35. ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра. 8- 29:8 Лелар 32:33. Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай. 9 ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.
10 Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, – шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий, 11 шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тӀера шун хи кхоьхьуш волчунна тӀекхаччалц болу шун меттаматтахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах. 12 Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а, 13 тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чӀагӀо ма-ярра а. 14 Цо хӀара барт бар а, цуьнан тӀедожораш дӀаэцар а деккъа шуьца дина ца Ӏа. 15 Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Ӏаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.
16 Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а. 17 Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш. 18- 29:18 Ӏебархошка 12:15. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам. 19 Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хӀокху бертан тӀедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хӀаллакьхир ду дерриг а халкъ. 20 Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгӀазлонан а, дераллин а цӀе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тӀехь яздина долу дерриге а неӀалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цӀе а дӀайойур ю лаьтта тӀера. 21 Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.
22 Шул тӀаьхьа тӀекхуьучу тӀаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хӀара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гӀелбар а гур ду. 23- 29:23 Доладалар 19:24, 25. Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна. 24 Массо а халкъаша эр ду: „ХӀун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чӀогӀа цӀе хӀунда яьлла?“ 25 Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна, 26 бахана, кхечу деланашна гӀуллакх деш а бу, царна Ӏибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Ӏамал ян. 27 Цундела хӀокху лаьттах Везачу Элан оьгӀазлонан цӀе яьлла, Цо хӀокху тептар тӀе яздинчу бертан дерриг а неӀалташ царна тӀе хьажийна. 28 Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.
29 Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».
30Везачу Элана тӀедирзинчул тӀаьхьа
1 «Ас дӀахьедина долу хӀара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неӀалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дӀасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, 2 шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара, 3 тӀаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахӀоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дӀасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. 4 Стигала йисте кхаччалц шу дӀасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. 5 Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тӀе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. 6 Шун Везачу Дала шун а, шун тӀаьхьенан а дегнаш тӀера пардонаш дӀахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. 7 ТӀаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дӀахьедина долу неӀалташ шу дӀалаьхкинчу шун мостагӀашна а, шу цадезачарна а тӀедерзор ду. 8 Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. 9 Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тӀера а схьадаьллачунна тӀехь а тӀех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХӀунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. 10 Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогӀахь, кху товрат-хьехаман тептар тӀехь дӀаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тӀедерзахь».
Везачу Эло тӀедиллинарг дукха хала дац
11 «Ас шуна тӀедуьллуш долу хӀара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац. 12- 30:12-14 Римхошка 10:6-8. Иза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тӀаккха кхочушдийр ма дара иза?“ 13 Иза хӀордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хӀордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тӀаккха кхочушдалур ма дара иза?“ 14 ХӀан-хӀан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тӀехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама».
Шайна дахар харжа
15 «Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агӀор дахар а, аьтто а бу. Вукху агӀор Ӏожалла а, бохам а бу. 16 Нагахь санна тахана ас шайна тӀедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тӀедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу декъал а дийр ду. 17 Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догӀахь, кхечу деланашна Ӏибадат дархьама а, царна гӀуллакх дархьама а шу дӀаозор ду кхечара, 18 ас дӀахьедо шуьга: шу хӀаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу дукха дехар а дац. 19 Ас тахана тӀекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дӀало дахар я Ӏожалла, декъала хилар я неӀалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тӀаьхье а яхийтархьама а, 20- 30:20 а: Доладалар 12:7; б: Доладалар 26:3; в: Доладалар 28:13. шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».
31Мусал тӀаьхьа ЮшаӀ куьйгалхо хилар
1 Мусас берриг а исраилхошка кхидӀа а хӀара дешнаш элира: 2- 31:2 Лелар 20:12. «Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“. 3 Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гӀур ву. Цо хӀара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хӀаллакдина дӀадохур ду, тӀаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаӀ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гӀур ву. 4- 31:4 Лелар 21:21-35. Везачу Эло царна а, Ша хӀаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ӀовгӀина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду. 5 Везачу Эло уьш шун кара дӀалур бу, ткъа аша ас шайна тӀедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца. 6 ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».
7 ЮшаӀ берриге а исраилхошна хьалха шена тӀе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, хӀунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. 8- 31:8 ЮшаӀ 1:5; Ӏебархошка 13:5. Веза Эла Ша гӀур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дӀавоьрзур а вац, Цо хьо дӀатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».
ВорхӀ шарахь цкъа халкъана хьалха товрат-хьехам бешар
9 ХӀара товрат-хьехам, дӀа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дӀабелира Мусас. 10- 31:10 а: Карлабаьккхинарг 15:12; б: Карлабаьккхинарг 16:13-15. Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, 11 берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дӀахӀитта баьхкича, хӀара товрат-хьехам массо а исраилхошна дӀахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дӀабешалаш. 12 Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. 13 ХӀара хууш доцу церан бераш а, хӀара дӀа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хӀокху лаьтта тӀехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏемар ду».
Везачу Эло Мусана дина тӀаьххьара весеташ
14 Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира. 15 Веза Эла мархин бӀогӀамехь четарна улло веара. И мархин бӀогӀам гуламан четарна чу воллучу метта тӀехула дӀахӀоьттира.
16 Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хӀинца, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву. ТӀаьхьо хӀара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тӀедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тӀаьхьахӀуттур ду. Цара Со дӀатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. 17 Оцу дийнахь Ас Сайн оьгӀазалла тосур ю царна тӀе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дӀакъовлур ю, ткъа и халкъ хӀаллакдина хир ду, цунна тӀе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТӀаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХӀара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тӀе?“ 18 Ас оцу дийнахь Сайн юьхь дӀакъовлур ю царах, кхечу деланашна тӀе а бирзина, цара лелийна харцонаш бахьана долуш.
19 Муса а, ЮшаӀ а, хӀокху назманан дешнаш шайна дӀаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Ӏама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама. 20 Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара. 21 Шайна тӀе дуккха а халонаш а, баланаш а хӀиттича, хӀара назма царна дуьхьал долу тоьшалла хир ду, хӀунда аьлча иза церан а, церан тӀаьхьенан а багара схьадер дац. Суна хаьа церан хӀинца йолу ойланаш, царна лур ду аьлла Ас чӀагӀо йинчу дикачу лаьтта тӀе уьш дӀа а бигале хилла йолу».
22 Мусас оцу дийнахь и назма, дӀа а язйина, исраилхошна Ӏамийра.
23- 31:23 Лелар 27:23; ЮшаӀ 1:6. Везачу Эло, Нунин кӀант ЮшаӀ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а латта, хӀунда аьлча Ас цаьрга чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».
24 Мусас, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тӀе яздина ша ваьлча, 25 Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира: 26 «ХӀара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. 27 ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу? 28 Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду. 29 ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».
Мусан назма
30 Мусас, исраилхойн массо а гуламна дӀахозуьйтуш, хӀокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дӀаэлира.
321 «Тергам бе, стигал, со вистхир ву.
Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.
2 Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу,
сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду,
сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду,
бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.
3 Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю.
Вайн Далла дӀало сийлалла!
4 Иза тарх а ю, Цуьнан гӀуллакхаш кхоччуш а ду.
Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду.
Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо.
Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.
5 Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха,
Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана.
Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал,
иза аьрха а, телхина а гара ма ду+ 32:5 *Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду *– я иштта: *Ткъа аша къинош летийна Цунна дуьхьал, шу, исраилхой, телхина а, гамделла а гара ду! Аша далийтина зуламаш бахьана долуш, Делан бераш дац шу кхин!*.
6 ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ,
иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг?
Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а,
шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?
7 Дагаяийта шира хенаш,
ойла ел ширачу заманах лаьцна.
Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга,
шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга.
8- 32:8 Векалийн 17:26. Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш,
Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь,
Цо хӀора халкъана шен-шен доза дӀахӀоттийра,
стигалийн гуламан терахье хьаьжжина+ 32:8 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *стигалийн гуламан терахье хьаьжжина. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *исраилхойн терахье хьаьжжина.*.
9 ХӀунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду.
Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.
10 Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера,
гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь.
Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга,
Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.
11 Шен бене хьоьжу аьрзу санна,
кӀорнешна тӀехула хьийза аьрзу санна,
Везачу Эло Шен тӀемаш дӀасадаржадо,
тӀемаш тӀехь Шен халкъ лелорхьама.
12 Везачу Эло Ша леладора Шен къам.
Цуьнца кхечу къоман дела вацара.
13 Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура.
Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора,
тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах
схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
14 Цо бежанийн кӀалд, жийн шуьреш,
дерстина Ӏахарий а, гезарий а,
Башанера тоьлла долу бежанаш а,
тоьлла долу кӀа а даадора оцу халкъана.
Кемсех даьккхина долу чагӀар муьйлура цара.
15 Сан хьоме халкъ+ 32:15 *Сан хьоме халкъ *– Ӏебархойн тептар тӀехь, ма-дарра аьлча, «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» маьӀна долуш ду.*, стам а делла, аьрхаделира.
Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира.
Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара,
шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.
16 Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара,
шайн дегазчу цӀушца Иза оьгӀазвахийтира цара.
17- 32:17 1 Коринтхошка 10:20. Деланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, –
хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна,
хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна,
церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.
18 Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара.
Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогӀура царна.
19 Иза ган а гина, Веза Эла царах дӀавирзира,
Шен кӀенташа а, мехкарша а Иза оьгӀазвахийтина дела.
20 Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах,
царах хинйолу чаккхе гур ю Суна,
хӀунда аьлча уьш телхина гара ду,
уьш тешаме доцу бераш ду.
21- 32:21 а: 1 Коринтхошка 10:22; б: Римхошка 10:19. Дела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан,
баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь.
Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан,
кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.
22 ХӀунда аьлча Сан оьгӀазаллех цӀе яьлла,
лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо.
ЦӀаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна,
чахчош ду лаьмнийн кӀажаш.
23 Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю,
Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.
24 Уьш мацалло гӀелбийр бу,
хӀаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а.
Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн
дӀовш а тухур ду царна.
25 Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу,
ткъа цӀа чохь – кхерамо:
къонах а, йоӀстаг а,
декхаш долу бер а, къежвелла къано а.
26 Сан ала йиш яра: ‘ДӀаса а баржийна,
адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дӀадоккхур ду Ас’.
27 Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагӀийн кхардарх къахкарна,
церан мостагӀий кура а бовлийтина,
цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду,
Везачу Эло ца динера хӀара-м’“.
28 Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду,
цаьрга хӀуманаш къаста а ца ло.
29 ЭхӀ-хӀай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш,
тӀаккха уьш дикка кхетар бара,
шайна хиндерг къастор дара цара!
30 Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара,
шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара,
нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича,
нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!
31 Уьш тӀетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц:
вайн мостагӀий шаьш бу оцу тӀехь кхелахой.
32 Седам-гӀалин кемсийн гаьннаш тӀера а,
Ӏамор-гӀалина уллохь йолчу аренашкара а
ю вайн мостагӀийн кемсаш.
Церан кемсийн буьртигаш дӀаьвше ду,
церан кенаш къаьхьа ду.
33 Церан чагӀар – лаьхьарчийн дӀовш а,
текхаргийн валаран талу а ду.
34 „Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. –
ХӀуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дӀакъевлина?
35- 32:35 Римхошка 12:19; Ӏебархошка 10:30. Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду.
Хан тӀееача, церан ког галбер бу.
Церан хӀаллакьхиларан де герга ду,
церан къемате кхоллам тӀекхочу“.
36- 32:36 Забур 134:14. Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду,
Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу,
церан куьг гӀелделла Шена гича а,
набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.
37 Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш,
царах тешна шу Ӏийна йолу тарх,
38 аша сагӀина деанчух мохь йиина болу,
сагӀина деанчух чагӀар мийлина болу?
Шайна гӀо дайта хьалагӀовттийта уьш,
хилийта царах шайна тхов кӀело!
39 Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар,
Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар.
Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо,
Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.
40 Сайн куьг стигалшка хьала а айина,
абаденналц долчу Сайн дахарх чӀагӀо йо Ас:
41 ‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича,
Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча,
Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна,
Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.
42 Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду,
байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх.
Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду,
оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.
43- 32:43 Римхошка 15:10; Довзийтинарг 19:2; Ӏебархошка 1:6. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна!
Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш!
Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна!
ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш!+ 32:43 *Грекийн гочдар тӀехь: *Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна!*
Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера,
Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна,
Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»
44 Муса халкъана тӀевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а халкъана дӀахазийтира.
Мусас дина весет
45 Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дӀааьлла ваьлча, 46 Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар. 47 ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».
Муса дӀакхалхарх лаьцна
48- 32:48-52 Лелар 27:12-14; Карлабаьккхинарг 3:23-27. Оццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира: 49 «Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте. 50 Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна. 51 Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а. 52 Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».
33Исраилхойн тайпанаш декъалдар
1 Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду. 2 Цо элира:
«Веза Эла Синай-ломера схьавеана,
СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла,
Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла.
Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна,
Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара+ 33:2 *Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара *– я иштта: *аьтту куьйгахь цӀеран Ӏедал дахьаш вара.*.
3 Шен халкъ баккъалла а деза Цунна,
Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу.
Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш,
Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.
4 Товрат-хьехам вайна Мусас белла,
иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.
5 Веза Эла Шен хьомечу халкъана+ 33:5 *Шен хьоме халкъ *– Ӏебархойн тептар тӀехь, ма-дарра аьлча, «Яшурон» дӀаяздина ду. Иза Исраилан халкъан кхин цӀе ю, ткъа иза «бакъахьараниг» боху маьӀна долуш ду.* тӀехь паччахь хилира,
халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».
6 Раабанхойх лаьцна Мусас элира:
«Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза,
амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!»
7 Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира:
«ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар,
кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш.
Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш.
Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча».
8- 33:8 а: Арадаккхар 28:30; б: Арадаккхар 17:7; в: Лелар 20:13. Левихойх лаьцна а иштта элира:
«Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла+ 33:8 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *левихошна дӀабелла. *Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.*,
Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу.
Ахь уьш Массехь зийнера,
Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
9 Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта,
шайн вежарий лараран метта,
шайн бераш довзаран метта,
левихоша Хьан дош лар а дина,
Ахь бина барт Ӏалаш а бина.
10 Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо,
ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо.
Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу,
Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.
11 Веза Эла, декъалбехьа церан бахам,
ткъа цара мел дечунна реза хилахьа.
Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а
уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».
12 Бен-яманхойх лаьцна иштта элира:
«Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду,
кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду.
Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до,
Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».
13 Юсупхойх лаьцна иштта элира:
«Везачу Эло декъалдойла церан латта
стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица,
лаьтта бухара хьаладолучу хишца,
14 малхо кхиийначех тоьллачуьнца,
хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,
15 ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца,
даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца,
16 лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца.
Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун
декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь,
вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.
17 Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду.
Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю.
И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю,
ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду.
Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу,
иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».
18 Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира:
«Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь,
иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
19 Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху.
Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду.
Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра,
хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера».
20 Гадахойх лаьцна элира:
«Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг.
Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду,
куьйгаш я кортош дохорхьама.
21 Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира,
куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира,
халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь.
Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам,
Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира».
22 Данахойх лаьцна элира:
«Данан тайпа – къона лом ду,
Башан-махкара дедда догӀу».
23 Напталхойх лаьцна элира:
«Напталан тайпанна Дела реза хилира,
иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду.
Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».
24 Ашархойх лаьцна элира:
«Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу.
И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла.
Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.
25 Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду.
Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».
26 «Цхьа а вац Исраилан Делах тера
мархашца Шен сийлаллехь а,
стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.
27 Хьан кӀелхьардолийла – даим волу Дела ву,
Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду.
МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина,
Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“
28 Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду,
Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю,
кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь,
стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь.
29 Декъала ду хьо, Исраилан халкъ!
Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду?
Иза хьо лардеш долу турс а,
хьан сийлаллин тур а ду!
Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу,
ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».
34Муса кхалхар
1 Муаби-аренашкара Набу-лам тӀера Пасга цӀе йолчу бохь тӀе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гӀалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гӀалина тӀекхаччалц берриг а ГалӀад-мохк гайтира Мусана. 2 Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀекхаччалц долу дерриг а ЯхӀудан латта а гайтира Цо. 3 НегӀаб-аре а, шех палманийн гӀала олу Ерихон тӀехь лаьтта тогӀи а, ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц болу мохк а гайтира Цо. 4- 34:4 а: Доладалар 12:7; б: Доладалар 26:3; в: Доладалар 28:13. Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац».
5 Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тӀехь кхелхира Везачу Элан лай Муса. 6 Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю. 7 Мусан бӀе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бӀаьрса а ца телхинера, гӀора дӀа а ца даьллера цуьнгара. 8 Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хӀоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тӀаьхьа чекхдевлира.
9 Мусас цунна тӀе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кӀант ЮшаӀ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдора цара. 10- 34:10 Арадаккхар 33:11. Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн. 11 Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш. 12 Исраилан халкъан бӀаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хӀуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.