Даниал-пайхамаран
тептар
Дешхьалхе
Даниал-пайхамаран тептар жуьгтийн халкъ боккхачу баланехь хиллачу хенахь яздина ду. ХӀетахь и халкъ хийрачу махкарчу паччахьо Ӏазапехь латтош а, эккхийна лелош а хилла. Дийцарш а, дуьхьалхӀиттина суьрташ а юкъа а далош, яздархочо сатуьйсура шен заманчохь халкъана ницкъ беш болу паччахьаш-Ӏазапхой дӀа а баьхна, Дала къастийначу халкъан паргӀато меттахӀоттаяре.
Тептаран ши дакъа ду: 1) Делах тешарехула а, Далла муьтӀахь шаьш хиларехула а шайн мостагӀий эшош болчу Даниал-пайхамарх а, цуьнан накъостех а лаьцна долу дийцарш. Оцу дийцарш тӀехь далийнарг Бавелан а, Парсин а пачхьалкхаш хиллачу хенахь хилла хӀуманаш ду. 2) Даниална дуьхьалхӀоьттина масех сурт. Цара билгало еш довзуьйту Ӏазап латтош хиллачу масех пачхьалкхана хьалха-тӀаьхьа хилла бохамаш а, кхиамаш а. Суьрташа доладо Бавел-пачхьалкхан кхиам а, бохам а гайтар. Эххар а, суьрташа схьадуьйцу хийрачу мехкийн Ӏазапхошна тӀедогӀу долу хӀаллакьхилар а, Дала къастийначу халкъо боккхур болу толам а.
1Набухди-Нецаран кертахь
1- 1:1 2 Шерашкахь 36:5-7. ЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира. 2- 1:2-4 Сулим 20:17, 18; 2 Шерашкахь 36:10; ЕшаӀ-ЯхӀу 39:7, 8. ТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо. 3 Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла. 4 Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а. 5 Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а. 6 Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а. 7 Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира. 8 Паччахьан цӀа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагӀарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар. 9 Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар. 10 Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хӀоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гӀелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».
11 ТӀаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хӀоттийначу гӀаролхочуьнга дехар дира: 12 «Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а. 13 ТӀаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тӀаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».
14 Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш. 15 Итт де даьлча, церан яххьаш а, догӀмаш а паччахьан кхача бууш Ӏийначарел хаза хилла карийра. 16 Цул тӀаьхьа гӀароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагӀар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.
17 Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Ӏилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гӀенаш а, самах дуьхьалхӀуьтту суьрташ а тида хаар делира.
18 Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тӀекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тӀебалийра. 19 Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а кхочуш ца хилар. ТӀаккха хӀорш бисира паччахьан кертахь гӀуллакх дан. 20 Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а. 21 Иштта Ӏийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хӀоьттина хьалхара шо тӀекхаччалц.
2Набухди-Нецарна гина гӀан
1 Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгӀачу шарахь цунна гора гӀенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза. 2 Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гӀенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дӀахӀиттира. 3 ТӀаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гӀан гина. Сан сагатделла. Сайн гӀенах кхета лаьа суна».
4 Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь+ 2:4 *ХӀара тептар кхузара дӀа ворхӀалгӀа корта чекхбаллалц яздина дара арамхойн маттахь.* элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гӀан, тӀаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьӀна».
5 Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чӀагӀо йина, нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цӀенойх саьлнаш йита а. 6 Нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а дийцахь, соьгара совгӀаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хӀинца сан гӀан а, цуьнан маьӀна а».
7 ШолгӀа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гӀан, тӀаккха туьдур ду оха цуьнан маьӀна».
8 Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чӀагӀо йинийла хууш, шу хан ялийта гӀертий. 9 Сан гӀан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таӀзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гӀан, тӀаккха хуур ду суна цуьнан маьӀна шуна хаьа я ца хаьа».
10 Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хӀокху лаьтта тӀехь цхьа а адам и гӀуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тӀедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а. 11 Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тӀех хала ду паччахьо тӀедожийна и гӀуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тӀехь бехаш бац».
12 И хезча, чуьравелира паччахь, чӀогӀа оьгӀазвахара иза. ТӀаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хӀаллакбе аьлла. 13 Хьекъале нах хӀаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хӀаллакбархьама.
Дала Даниална гӀенан маьӀна довзуьйту
14 И хьекъале нах байар паччахьан гӀаролан коьртачу хьаькамна Ариханна тӀедиллина дара. Цуьнга оьзда а, хьекъале а къамел дира Даниала. 15 Цо хаьттира Арихане: «Паччахьера иштта буьрса омра хӀунда даьлла те?» – аьлла. Арихана и гӀуллакх ма-дарра дийцира Даниале.
16 ТӀаккха, ваха а вахана, Даниала паччахье дийхира шена хан ялар, цу гӀенан маьӀна паччахьна довзийтархьама. 17 Шен цӀа а веана, Даниала шен накъосташка Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а и гӀуллакх дӀадийцира. 18 Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хӀаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доӀанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гӀенан къайле шайна йовзийтар доьхуш. 19 ТӀаккха, буса дуьхьал сурт а хӀоьттина, дӀаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала:
20 «Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц,
кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела!
21 Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а,
дӀа а боху, хӀитта а бо паччахьаш.
Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло,
хьекъал долчарна хьекъалалла ло.
22 Ахь дӀайоьллу кӀорггера къайленаш,
хаьа Хьуна боданехь дерг,
серло а Хьоьца еха.
23 Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела,
Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела.
Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь,
паччахьан гӀуллакх а довзийти Ахь тхуна».
Паччахьна шен гӀан довзийтар
24 Цул тӀаьхьа, паччахьо бавелхойн хьекъалалла дерш хӀаллакбар тӀедожийна волчу Ариханна тӀе а вахана, Даниала дийхира, и бавелхойн хьекъале нах хӀаллак а ца беш, ша паччахьна тӀе вигахь, тӀаккха ша дӀадуьйцур ду цу гӀенан маьӀна аьлла.
25 Арихана, сихха Даниал паччахьна тӀе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхӀуд-махкарчу кӀенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гӀенан маьӀна дуьйцур долуш волу».
26 Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цӀе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гӀан а, цуьнан маьӀна а?»
27 Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. 28 Амма ву стигалшкахь къайленаш дӀайоьллуш волу Дела. Цо дӀадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тӀаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дӀавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гӀан а, сурт а иштта дара: 29 ДӀавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХӀун хир ду те хӀинцачул тӀаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дӀайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира. 30 Лаьтта тӀехь бехаш болчарна юкъахь массарел а кхетам болуш со ву аьлла, дӀаеллаелла яц суна и къайле, иза ду хьуна, паччахьна, хаийтархьама хӀун ойланаш йоллу хьан даг чохь.
31 Хьуна, паччахь, иштта сурт хӀоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гӀирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт. 32 Цу суьртан корта бара цӀеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гӀогӀаш а цӀестан дара. 33 Цуьнан настарш аьчках йина яра, ткъа когийн цхьадолу дакъош аьчках, важа дакъош поппарх дина дара. 34 Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тӀулг, ломах ша дӀакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тӀе а боьжна, уьш бохийра цо. 35 ТӀаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цӀаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цӀу вохийна болчу тӀулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш.
36 ХӀара ду-кх и гӀан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьӀна а. 37 Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. 38 Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тӀехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву! 39 Хьол тӀаьхьа кхоллалур ю кхин пачхьалкх, кхул оьшуш а йолуш, тӀаккха кхин а кхоалгӀа пачхьалкх хир ю, цӀестаниг. Цо дерриге а лаьтта тӀехь олалла дийр ду. 40 Ткъа йоьалгӀа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чӀогӀа. Эчиго массо а хӀума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хӀума хӀаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош. 41 Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пӀелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чӀагӀо хир ю, хӀунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла. 42 Когийн пӀелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чӀогӀа йолуш, вуьш экам йолуш. 43 Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хӀуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц. 44 Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дӀайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. 45 ХӀунда аьлча и тӀулг, хьуна ма-гарра, лам тӀера дӀакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тӀулго, цу суьртана тӀе а керчина, эчиг а, цӀаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дӀадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гӀан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьӀна а».
Даниална совгӀат далар
46 ТӀаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагӀанаш даха а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягае а аьлла, омра дира цо. 47 Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хӀунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». 48 ТӀаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгӀаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тӀехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тӀехь а коьрта хьаькам хӀоттийра цо иза. 49 Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гӀуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а хӀоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира.
3Набухди-Нецаран омра
1 Набухди-Нецар-паччахьо деших цхьа сурт дайтира, лакхалла кхузткъа дол барам болуш, ткъа шоралла ялх дол барам болуш. Цо иза дӀахӀоттийра Бавел-махкара Дура олучу шерачу арахь. 2 ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Ӏалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дӀаделларна хӀоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла. 3 Тхьамданаш а, мехкадай а, юьртдай а, коьрта кхелахой а, хазна Ӏалашйийраш а, бакъонаш лелораш а, кхелан нийсо ларйийраш а, кхин болу мехкан хьаькамаш а Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийна долу сурт гучудаккхар даздан схьагулбелира. Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийначу суьртана хьалха дӀахӀиттира уьш. 4 ТӀаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах! 5 Нагахь маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана. 6 Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цӀе летта йогучу пеша кхуссур ву». 7 Цундела, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана сужда дира.
МуьтӀахь ца хиларна бехкебар
8 Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхӀудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира. 9 Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! 10 Ахь омра динера, хӀора адам шена маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла. 11 Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цӀиййиначу пеша кхосса аьлла. 12 Амма ахь Бавел-махка тӀехь гӀуллакх дан хӀоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а цӀе йолу яхӀудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дӀахӀоттийначу деших динчу суьртана Ӏибадат а ца до цара».
13 ТӀаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тӀедожийра Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а шена тӀевалор. И нах паччахьна тӀебалийра. 14 Набухди-Нецара хаьттира цаьрга: «Бакъ дуй, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, аша сан деланаш ца ларар а, ас дӀахӀоттийначу суьртана Ӏибадат ца дар а? 15 Нагахь санна хӀинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дӀахӀоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Ӏибадат ца дахь, цу сохьта цӀиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТӀаккха муьлхачу дала кӀелхьардохур ду шу сан куьйгах?»
16 Шадрака а, Мешака а, Ӏабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан. 17 Нагахь санна тхо цӀийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Ӏибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кӀелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кӀелхьардохур ду Цо тхо. 18 Нагахь санна Цо и ца дахь а, хаа ду хьуна, ва паччахь, хьан деланаш оха лорург цахилар а, ахь дӀахӀоттийначу дашо суьртана корта беттарг цахилар а».
Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхоссар
19 И хезча, оьгӀазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Ӏабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТӀаккха хӀинццалц чул ворхӀазза чӀогӀа пеш латае аьлла, омра дира цо. 20 Шен эскарера уггаре а онда болчу къонахошна тӀедожийра паччахьо Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а, дӀа а вихкина, цӀиййиначу пеша кхоссар. 21 Цул тӀаьхьа уьш, дӀа а бихкина, чухулара а, тӀехулара а бедаршца а, коьртарчу хӀуманашца а, церан кхин йолу тӀерачу хӀуманашца а цӀе летта йогучу пеша кхиссира. 22 Паччахьо дина и омра чӀогӀа а хилла, пеш сов тӀех цӀиййина хилар бахьана долуш, цӀеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах. 23 Ткъа хӀара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а, вихкина а волуш, цӀе летта йогучу пеша вуьйжира.
Кхо доттагӀ кӀелхьарваккхар
24 Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цӀерга кхоьссинарг?» – аьлла.
Цара жоп делира паччахье: «ЦӀена бакъ ду-кх иза, паччахь!» – аьлла.
25 Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХӀан-хӀан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цӀарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгӀачун васт маликачух+ 3:25 *Маликачух *– я иштта: «деланийн кӀантах», я: «Делан кӀантах».* тера ду».
Кхо доттагӀ даржехь лакхаваккхар
26 Йогучу пешан кевне а вахана, Набухди-Нецара элира: «Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, Веза Воккхачу Делан леш, арадовла, схьадуьйла!» ТӀаккха Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а цӀеран юккъера арабевлира. 27 Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хӀокху нехан догӀмашна тӀехь и цӀе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тӀера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цӀеран хьожа-м яцара царех йогӀуш.
28 ТӀаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Ӏабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Ӏибадат а ца дина, шайн догӀмаш цӀерга тесна болу хӀорш кӀелхьарбаьхна Цо.
29 Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».
30 Цул тӀаьхьа Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а паччахьо Бавел-махкахь даржехь лакхабехира.
Набухди-Нецаран шолгӀа гӀан
31 «ХӀара Набухди-Нецар-паччахьера кехат ду дерриге а лаьтта тӀехь дехаш долчу муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а нахе.
Шу маьрша Ӏойла! 32 Лаьа суна Веза Воккхачу Дала сайна тӀехь гайтина долу инзаре гӀуллакхаш а, Ӏаламаташ а шуна дӀахаийта.
33 Ма даккхий ду Цо гойту Ӏаламаташ,
ма нуьцкъала ду Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш!
Цуьнан пачхьалкх абаден пачхьалкх ю.
Цуьнан олалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
41 Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гӀишлошкахь паргӀат вехаш вара. 2 Амма, со кхеравеш, суна гинчу гӀено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хӀуьттучу суьрташа а синтем байира сан. 3 ТӀаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гӀенан маьӀна тидийтархьама. 4 ХӀетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гӀан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьӀна. 5 ТӀаьххьара а безачу деланийн са+ 4:5 *Безачу деланийн са *– я иштта: *Везачу Делан Са.* шеца долу, Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал веара суна тӀе. (И цӀе сан делан цӀарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дӀадийцира аса сайн гӀан: 6 „Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн+ 4:6 *Безачу деланийн *– я иштта: *Везачу Делан.* са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а, цуьнан маьӀнах а.
7 Вижначохь сан коьрта чохь дуьхьалхӀиттина суьрташ иштта дара: лаьтта юккъехь инзаре доккха дитт гира суна. 8 И дитт доккха а, онда а дара, стигала кхоччуш лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. 9 ТӀех хаза гӀаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тӀехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кӀел ӀиндагӀ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хӀумано дуура.
10 Со вижначохь сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гӀарол-малик стигалшкара охьадуссуш. 11 Цо мохь тоьххна чӀогӀа элира: ‘ХӀара дитт дӀахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тӀера гӀаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дӀасакхийса. Цу диттан кӀелхьара дийнаташ дӀайовлийта. Цуьнан гаьннашна тӀера олхазарш а дӀадахийта. 12 Амма аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тӀунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта. 13 Цунна, адамийн кхетам дӀа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхӀ зама гур ю. 14 Далла уллора долчу гӀарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хӀоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тӀехь олалла далар а’.
15 Иштта гӀан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гӀенан маьӀна де, хӀунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьӀна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн+ 4:15 *Безачу деланийн *– я иштта: *Везачу Делан.* са долу дела“».
Даниала шолгӀачу гӀенан маьӀна дар
16 «ТӀаккха Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Ӏийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гӀан бахьана долуш а, цуьнан маьӀнин бахьаненна а“.
Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагӀашна хуьлийла цу гӀенан маьӀна. 17 Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. 18 Цунна тӀехь инзаре хаза гӀаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кӀелахь аренгара дийнаташ Ӏара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера.
19 Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чӀагӀвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду. 20 Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гӀарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дӀахададе, хӀаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, иза тӀунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхӀ зама цунна тӀехула чекхъяллалц’, – бохург, 21 хӀара ду цуьнан маьӀна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг: 22 адамех хьо дӀакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тӀадор ву хьо. ВорхӀ зама дӀаер ю, адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. 23 Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар. 24 Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дӀа а яха. ТӀаккха хьан беркате хилар дахдала мега“.
25 Набухди-Нецар-паччахьна тӀехь и дерриг а кхочушхилира. 26 Шийтта бутт хан яьлча, Бавел-гӀалахь, паччахьан гӀишлойн шерачу тхов тӀехь лелаш, паччахьо элира: 27 „ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“
28 И дешнаш аьлла а валале, паччахьна стигалара аз хезира: „Паччахь Набухди-Нецар, хьоьга боху, паччахьалла дӀадели хьан! 29 Адамех дӀакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхӀ зама ер ю“.
30 Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».
Набухди-Нецара Дела хаставар
31 «И денош дӀадевлча, аса, Набухди-Нецара, бӀаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахӀоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас.
Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду.
Цуьнан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
32 ХӀокху лаьтта тӀехь долу адамийн дахар хӀумма а доцург ду.
Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тӀехь бехачарна тӀехь а Шена луъург деш ву Иза.
Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш,
я „Ахь хӀун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.
33 Сан кхетам меттахӀоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТӀаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахӀоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира.
34 ХӀинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хӀума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаӀо Иза ницкъ болуш а ву».
5Белшацар-паччахьо хӀоттийна той
1 Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хӀоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагӀар мийлира цо. 2 ЧагӀаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цӀийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегӀаш чуяр тӀедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гӀарбашашка а маларш мийлийтархьама. 3 ТӀаккха Ярушалаймера Делан цӀийнера еана йолу и дашо пхьегӀаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гӀарбашаша а царна чуьра маларш мийлира. 4 ЧагӀар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тӀулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара.
5 Оццу хенахь цӀеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пӀелгаша, ара а девлла, паччахьан цӀа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тӀерачу кирана тӀехь йозанаш деш гира паччахьна. 6 Юьхьа тӀера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора. 7 ЧӀогӀа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХӀара йоза деша а дешна, цуьнан маьӀна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цӀен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зӀе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах». 8 Амма оцу чубаьхкинчу хьекъалалла долчех цхьанна а и йоза деша а, цуьнан маьӀна дан а ца хиира. 9 Белшацар-паччахьан чӀогӀа синтем байнера, цуьнан юьхьсибат хийцаделлера, цуьнан уллора куьйгалхой, шаьш хӀун дан деза ца хууш, боьхнера.
10 Ткъа паччахьан нана, паччахьан а, цуьнан уллорчу куьйгалхойн а къамелаш шена хазар бахьана долуш, чуеара. Къамел долош, цо элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Хьан ойланаша ма хьийзавойла хьо, юьхьсибат ма хийцалойла хьан! 11 Шеца безачу деланийн са+ 5:11а *Безачу деланийн са *– я иштта: *Везачу Делан Са.* долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара+ 5:11б *Деланашкара *– я иштта: *Делера.* долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХӀетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тӀехь коьртаниг а вина, дӀахӀоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, 12 цуьнгахь, паччахьо Бел-Ташацар аьлла цӀе хийцинчу оцу Даниалехь, къаьсттина дукха кхетам, хаарш, хьекъал дара. ГӀенаш дийца а, ца кхетачун маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хаьара цунна. Цундела Даниал схьавалавайта, тӀаккха цо дуьйцур ду йозанан маьӀна».
Даниала йозанан маьӀна дийцар
13 Даниал паччахьна тӀевалийра. Паччахьо, хаттар а деш, элира: «Хьо вуй сан дас, паччахьо, ЯхӀуд-махкара балийна йийсарехь болчу яхӀудхойх цхьаъ волу Даниал? 14 Хьоьца безачу деланийн са+ 5:14 *Безачу деланийн са *– я иштта: *Везачу Делан Са.* хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна. 15 ХӀара хьекъалалла дерш а, бозбунчаш а балийнера со волчу, йоза дешийтархьама а, цуьнан маьӀна соьга дийцийтархьама а, амма царна суна иза дийца ца хии. 16 Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хӀара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьӀна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀедухур ду, иштта дашо зӀе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг а волуш, олахо хир ву хьох!»
17 ТӀаккха, паччахье жоп а луш, Даниала элира: «Хьайн совгӀаташ хьайна дита я кхечунна дӀало, ткъа яздина дерг ас паччахьна доьшур а ду, цуьнан маьӀна цунна дуьйцур а ду. 18 Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгӀат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цӀе яккхар а деллера. 19 Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кӀезиг хоьтуьйтура. 20 Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тӀех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дӀадаьккхира, цуьнан цӀе яккхар дайира. 21 Иза адамех дӀахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегӀ тӀададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дӀахӀиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.
22 Амма ахьа, цуьнан кӀанта Белшацара, и дерриге а хуъушехь, Далла хьалха кӀезиг ца хетийти хьо, 23 ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦӀенна чуьра пхьегӀаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гӀарбашаша а царна чуьра чагӀар мийлира. ХӀумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тӀулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеӀар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира. 24 Цундела даийтина Делера и куьг а, яздина хӀара йоза а.
25 ХӀара ду яздинарг: „МАНЕЙ, МАНЕЙ, ТАКХЕЛ, УПАРСИН“+ 5:25 *Маней, маней, такхел, упарсин *– и бохург ду: *Дагардар, дагардар, озар, екъар.*. 26 Цу дешнийн маьӀна хӀара ду: „МАНЕЙ“ бохург – хьуна паччахьалла дан Ша делла денош, дагар а дина, Дала чекхдаьхна бохург ду. 27 „ТАКХЕЛ“ – хьо, Делан терзана тӀехь оьзча, буьззина мах боцуш карийна бохург ду. 28 „УПАРСИН“ – хьан пачхьалкх, екъа а екъна, мадайхошна а, парсихошна а дӀаелла бохург ду».
29 ТӀаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀекхоьллира, коча дашо зӀе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀа олахо ву аьлла, дӀа а кхайкхийра. 30 Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра. 31 Цул тӀаьхьа паччахьалла кхузткъе ши шо долчу мадайхойн махкара Дари-Ваша цӀе йолчу паччахьна карадеара.
6Даниал лоьмашца ор чохь хилар
1 Пачхьалкхан массо а маьӀӀехь шен олалла чӀагӀдан, Дари-Ваша-паччахьна бегӀийла дара шен пачхьалкхана тӀехь цхьа бӀе ткъа тхьамда хӀоттор. 2 Паччахьо оцу тхьамданашна тӀе кхо эла дӀахӀоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дӀадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза. 3 Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тӀех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тӀехь иза коьртаниг а вина, дӀахӀотто дагадеанера паччахьна. 4 Цундела пачхьалкхана тӀехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хӀума а ца нислора. 5 «Нагахь санна Даниал шен динан парзаш кхочушдарца вай бехке ца вахь, цунна дуьхьалдаккха вайна кхин бахьана карор дац», – элира цу наха.
6 Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тӀебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим! 7 Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла. 8 И омра, цхьа а хийцамаш бан йиш йоцуш хилар билгал а доккхуш, дӀаязде. ТӀаккха, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь санна, и чӀагӀо йохо йиш хир яц». 9 И омра, дӀа а яздина, Дари-Ваша-паччахьо тӀечӀагӀдира. 10 Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.
11 Къайлаха барт а бина, Даниал тергалвеш лелачу адамашна, Далла хьалха доӀа а деш, шена Делера гӀо доьхуш, гира хӀара. 12 ТӀаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чӀагӀдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?»
Паччахьо жоп делира: «И дош чӀагӀо йолуш ду, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедал санна, цхьа а хийцам бан йиш а йоцуш».
13 «Йийсарехь болчу яхӀудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чӀагӀбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доӀанаш до, гора а хӀуттий» – аьлла, дийцира цара паччахье.
14 И шена хезча, паччахьна чӀогӀа халахеттера. Даниал кӀелхьарваккха дагахь, малх бузале цунна чӀогӀа гӀо дан гӀоьртира иза. 15 Амма цу наха, цхьаьна а кхетта, чӀогӀа хьовзийра паччахь. Цара бохура: «Хаа ду хьуна, паччахь, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь цхьаьна а билгалдаккхаро я сацамо паччахьо чӀагӀдинарг хийца йиш йоцийла».
16 ТӀаккха паччахьо Даниал, шена тӀе а валавайтина, лоьмаш чохь долчу ор чу кхоссийтира. Даниале паччахьо элира: «Гуттара а ахь Шена Ӏибадат деш волчу хьан Дала хьо кӀелхьарвоккхур ву!» 17 ТӀаккха, тӀулг а беана, оран бертиг дӀакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухӀарш тохарца дӀакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама. 18 Цул тӀаьхьа паччахь, шен цӀийнан гӀишло чу а вахана, юург а ца юуш, дӀавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан. 19 Ӏуьйранна сатоссуш хьала а гӀаьттина, сихха лоьмийн орана тӀевахара паччахь. 20 Орана тӀе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Ӏибадат деш волчу хьан Деле кӀелхьарваккхавеллий хьо?»
21 ТӀаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим! 22 Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дӀакъевлина. Со Далла хьалха цӀена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина».
23 Паччахьна иза чӀогӀа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тӀехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела. 24 Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.
25 Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира:
«Шу маьрша дехийла! 26 Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьӀӀехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла,
Иза дийна волу Дела хиларна а,
Цуьнан дахар даим долу дела а.
Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю.
Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду.
27 Стигалахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна гӀуллакхаш а,
тамашийна билгалонаш а гойту,
паргӀат а воккху,
кӀелхьара а воккху Цо.
Лоьмийн ницкъах Даниал
ПаргӀатваьккхинарг а Иза ву».
28 Цул тӀаьхьа Дари-Вашас паччахьалла динчу заманчохь а, парсихойн Къуреша паччахьалла динчу хенахь а, аьтто а хуьлуш, дика вехира Даниал.
7ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехь диъ экха гар
1 Бавел-мехкан+ 7:1 *Бавел-мехкан *– иза хашадхойн мохк бу.* паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гӀенах суьрташ дуьхьалхӀиттира. ХӀетахь и шена гина гӀан, цуьнан маьӀна а дуьйцуш, дӀаяздира Даниала. 2 Шен дийцар дӀадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьӀӀера хьоькхучу мохо хӀорд лестош гира суна. 3- 7:3 Довзийтинарг 13:1; 17:8. Цул тӀаьхьа хӀорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира. 4- 7:4-6 Довзийтинарг 13:2. Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира.
5 Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пӀенда а болуш, цхьа агӀо хьалаайина а йолуш, шолгӀа экха дара лаьтташ. „ХьалагӀатта, шортта жижиг даа!“ – бохура цуьнга.
6 Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара.
7- 7:7 Довзийтинарг 12:3; 13:1. Цул тӀаьхьа, къемате ирча а, чӀогӀа онда а долуш, доьалгӀа экха а гира суна буса дуьхьалхӀиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагӀий дӀакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маӀа а яра.
8- 7:8 Довзийтинарг 13:5, 6. Со цу маӀашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маӀашна юккъехула кхин а цхьа жимо маӀа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маӀа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маӀана тӀехь бӀаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра».
Хенарчу Къаночо кхел яр
9- 7:9 а: Довзийтинарг 20:4; б: Довзийтинарг 1:14. «Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра. 10- 7:10 а: Довзийтинарг 5:11; б: Довзийтинарг 20:12. И летта йогу цӀе Цуьнан хьалххула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира.
11 Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маӀо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Ӏачу хенахь и доьалгӀа экха дийра, ткъа цуьнан дегӀ, кескаш а йина, дагадан цӀерга кхоьссира. 12 Ткъа кхечу акхарошна, церан олалла дӀа а даьккхина, кхидӀа яккха цхьа хан-зама а бен ца еллера.
13- 7:13 Маттай 24:30; 26:64; Марк 13:26; 14:62; Лака 21:27; Довзийтинарг 1:7, 13; 14:14. Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира. 14- 7:14 Довзийтинарг 11:15. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».
Гинчу суьртийн маьӀна дар
15 «Коьртарчу суьрташа сан, Даниалан, дегӀа чуьра са карзах а даьккхира, синтем а байира. 16 Цигахь лаьттачех цхьанна тӀе а вахана, хӀокху сайна гуш долчун ша ма-дарра нийса маьӀна дар дийхира ас. ТӀаккха малико, маьӀна а деш, дийцира соьга: 17 „И доккха диъ экха – иза Лаьтта тӀехь хьалахӀутту йолу йиъ пачхьалкх хир ю бохург ду. 18- 7:18 Довзийтинарг 22:5. Цул тӀаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“.
19 ТӀаккха доьалгӀачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цӀестан мӀараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза. 20 Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа. 21- 7:21 Довзийтинарг 13:7. Цу маӀо Веза Воккхачу Делан нахаца тӀом беш а, царна тӀехь толам боккхуш а гира суна, 22- 7:22 Довзийтинарг 20:4. Хенара Къано схьаваллалц. ТӀаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дӀаделира+ 7:22 *...Дала кхел яр дӀаделира Шен нехан кара *– я иштта: *...Дала Шен нахана уьш бехказабоху кхел йира.* Шен нехан кара. Цул тӀаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тӀееара. 23 МаьӀна а деш, соьга иштта элира: „ДоьалгӀа экха – иза Лаьтта тӀехь, массо а кхечу пачхьалкхех тера а йоцуш, йоьалгӀа пачхьалкх хир ю бохург ду. Дерриге а Латта цу пачхьалкхо Ӏуьйшуш, хьоьшуш, отуш хир ду. 24- 7:24 Довзийтинарг 17:12. Итт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву. 25- 7:25 Довзийтинарг 12:14; 13:5, 6. Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. 26 Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а. 27- 7:27 а: Довзийтинарг 20:4; б: Довзийтинарг 22:5. Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла+ 7:27а *Делан паччахьалла *– я иштта: *Цу къоман паччахьалла.* абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна+ 7:27б *Цунна *– я иштта: *цунна.* Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“.
28 Кху тӀехь сан дийцар чекхдолу. Со, Даниал, сан ойланаша чӀогӀа кхерийнера, со юьхь-басца а хийцавеллера, амма и дийцар ас сайн даг чохь латтийра».
8Коьмах а, божах а лаьцна сурт хӀоттар
1 Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгӀачу шарахь хьалха дуьхьалхӀоьттинчу суьртал тӀаьхьа юха а дуьхьалхӀоьттира цхьа сурт. 2 Сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Ӏейлам олучу декъа тӀера Шушан-гӀалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна. 3 БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра. 4 Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маӀаш Ӏуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кӀелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора.
5 Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогӀуш. Цу божан шина бӀаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маӀа яра. 6 Хин йистехь суна гиначу ши маӀа йолчу коьмана шен чӀогӀачу дераллица чухьаьдира и бож. 7 КхидӀа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тӀе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маӀа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дӀабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кӀелхьарбаккхалур волуш. 8 Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира. 9 Царах йолчу цхьана маӀана тӀе кхин цхьа жима маӀа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чӀогӀа дӀасаяьржира. 10- 8:10 Довзийтинарг 12:4. Стигаларчу ницкъашна тӀелаттал чӀагӀ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. 11 Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хӀора дийнахь сагӀа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цӀа а сийсаздаьккхира цо. 12 Делан эскаро къинош леторна тӀера хӀора дийнахь доккху сагӀа дӀатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тӀе охьатаӀийра. Цу маӀан ша мел дечунна тӀехь аьтто болура.
13 Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?» 14 Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».
Джабраил-малико гинчу суьртан маьӀна дар
15 ХӀара сурт суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчул тӀаьхьа, со, Даниал, цуьнан маьӀна лоьхуш вара. Ткъа цӀеххьана суна хьалха стеган аматехь волу цхьаъ дӀахӀоьттира. 16- 8:16 Лака 1:19, 26. ТӀаккха Улай-хин тӀера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьӀна дехьа цунна!» 17 Цул тӀаьхьа со лаьтташ волчу метте тӀевеара иза. И тӀевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со.
Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кӀант, хӀара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!» 18 Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Ӏара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тӀе дӀахӀоттийра. 19 «ХӀинца Делан оьгӀазлонан тӀаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, – элира соьга малико. –
20 Хьуна гина болу ши маӀа йолу ка – уьш мадайхойн а, парсихойн а паччахьаш бу. 21 Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бӀаьргашна юккъехь йолу йоккха маӀа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву. 22 И маӀа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маӀа тӀеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дӀахӀуттур ю, амма, хӀара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза.
23 Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дӀахӀуттур ву. 24 Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза. 25 И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац. 26 Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».
27 Масийтта дийнахь гӀора а дайна, цомгуш хилла Ӏийра со, Даниал. Цул тӀаьхьа а бен паччахьан гӀуллакхаш дан вола ца велира со. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртах со цецваьллера, со цунах ца кхетара.
9Даниала Исраилан халкъана тӀера дина доӀа
1 Мадайхойн тайпанара волчу Ахьаш-Варушан кӀант Дари-Ваша хашадхойн пачхьалкхана+ 9:1 *Хашадхойн пачхьалкх *– иза Бавел-мохк бу.* тӀехь паччахь хӀоьттира. 2- 9:2 Ярми-ЯхӀу 25:11; 29:10. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Ярушалайм-гӀала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира. 3 ТӀаккха доӀанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тӀе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тӀеерзийра. 4 Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доӀа дира.
Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!
5 Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тӀерадевллера тхо. 6 Хьан цӀарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугӀура оха. 7 Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхӀудхой а, Ярушалайм-гӀалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дӀадерзаре терра, Ахьа дӀасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. 8 Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьӀаьржачу хӀиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. 9 Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргӀаддевллехь а. 10 Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугӀура оха. 11 Дерриг а Исраилан халкъо дӀатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугӀуш, иза дӀадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неӀалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тӀехь язбина болу, хӀунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. 12 ТӀаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тӀе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гӀалина тӀехь хилларг цкъа а стигал кӀел хилла а дац. 13 Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тӀе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар. 14 Везачу Эло, нийса хан тӀеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хӀунда аьлча Ша деш долчу массо а гӀуллакхашна тӀехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугӀура Цуьнан озе.
15 Ткъа хӀинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тӀекхаччалц хьалаайина Хьайн цӀе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна. 16 Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина. 17 ХӀинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доӀа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цӀийне. 18 Сан Дела! ДӀахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бӀаьргаш дӀа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цӀе йоккхуш йолчу гӀалане а, хӀунда аьлча тхайн доӀанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш. 19 Хьалдолу Эла, дӀахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гӀуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дӀа ца тоьттуш, сан Дела, хӀунда аьлча Хьан цӀе тиллина Хьан гӀалина а, Хьан халкъана а».
20 Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дӀадийцира ас доӀанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дӀаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха. 21- 9:21 Лака 1:19, 26. Со доӀа дина валаза а волуш, суьйренан сагӀа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хӀуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тӀемадаьлла, сихха схьадеара. 22 Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хӀинца. 23 Хьо доӀа дан волавелча, хьан доӀанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дӀакхайкхо деана со. ХӀинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а кхета.
24 Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а+ 9:24 *Уггар Дезаниг къобалдайта а *– я иштта: *уггар Везаниг къобалвайта а.*. 25 Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза. 26 ТӀаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхӀ-ворхӀ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а+ 9:26 *Цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а *– я иштта: *цуьнан хӀумма а хир дац.*. Ткъа гӀала а, Делан цӀа а вогӀур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТӀаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тӀаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тӀекхаччалц тӀом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. 27- 9:27 Даниал 11:31; 12:11; Маттай 24:15; Марк 13:14. Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».
10Даниална Хьиддекхал-хин йистехь дуьхьалхӀоьттина сурт
1 Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Бел-Ташацар цӀе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чӀогӀа хала а дара. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехула Даниална дӀахоуьйтура цу хааман маьӀна.
2 Оцу деношкахь кхаа кӀирнах гӀайгӀане воьжна Ӏийра со, Даниал. 3 Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагӀар а ца дахара сан кийра. Кхо кӀира кхаччалц, дегӀан цӀано ярхьама хьожа йогӀу хьакхарш ца хьийкхира аса.
4 Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со. 5- 10:5, 6 Довзийтинарг 1:13-15; 2:18; 19:12. Хьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. 6 Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. 7 Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхӀоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дӀалецира уьш, тӀаккха дӀаловчкъа дӀадевдира уьш. 8 Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхӀоьттинчу Ӏаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гӀора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хӀуттура. 9 ТӀаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Ӏада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тӀехь Ӏуьллура со. 10 Цу хенахь, сан дегӀе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тӀе а, куьйгаш тӀе а веаларахӀоттийра со цу куьйго.
11 ТӀаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХӀинца со хьайна тӀеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тӀе нийса дӀахӀотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагӀаьттира со.
12 ТӀаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хӀокху хаамах кхета гӀерташ, ахь дина доӀанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дӀахезна. Ахь дехна дела веана+ 10:12 *Веана со *– я иштта: *деана со.* со. 13- 10:13, 21 Довзийтинарг 12:7. Амма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла+ 10:13 *Хьевелла *– я иштта: *хьеделла.* дела. 14 ХӀинца хьан халкъах тӀаьхьарчу хенашкахь хӀун хир ду аьлла, хьуна хаам бан веана со, хӀунда аьлча дуьхьалхӀоьттина хьуна гина сурт цу тӀедогӀу долчу деношца доьзна ду».
15 И дешнаш соьга цо олучу хенахь, мотт а сецна, аса корта охьатаӀийра. 16 Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина. 17 Ткъа хьан лай волчу аса хӀара къамел муха дийр ду сан эла волчу хьоьца? Дац-кх соьгахь гӀора, са а ца даӀало-кх соьга кхин».
18 ТӀаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Ӏоьттина, со чӀагӀвира. 19 Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!»
Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла».
20 Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш.
111 Мадайхочо Дари-Вашас паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь со-суо лаьттира цунна гӀо деш а, иза Ӏалашвеш а».
Къилбехьара а, къилбаседехьара а пачхьалкхех лаьцна
2 «ХӀинца ас бакъдерг дӀахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тӀаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгӀаниг. Шен бахамца ша тӀех чӀагӀвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гӀаттор ду цо.
3 ТӀаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо. 4 Ткъа и паччахь хилла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агӀор екъалур ю. ТӀаккха цуьнан тӀаьхьенийн кара гӀур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хӀокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.
5 ТӀаккха къилбе-махкара+ 11:5 *Къилбе-мохк *– борхӀалгӀачу аятара кхета мега, иза Мисар-мохк буй.* паччахь чӀагӀлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тӀаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу. 6 Ткъа масех шо даьлча, уьш, вовшех а ийна, цхьаъ хир бу. Къилбе-махкарчу паччахьан йоӀ къилбаседе-мехкан паччахье маре гӀур ю, царна юкъахь нийса юкъаметтигаш хилийтархьама. Амма и ницкъ карахь латталур бац цуьнга, ткъа паччахьан ницкъаш а латталур бац. Цу хенахь иза хӀаллакйийр ю – иза а, цуьнан уллорнаш а, цуьнан да+ 11:6 *Цуьнан да *– цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: *цуьнан кӀант.* а, цунна гӀо дийраш а. 7 Амма цуьнан цӀерачех цхьаъ, церан эскарна тӀе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гӀалин гӀопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чӀагӀлур а ву. 8 Ур-атталла церан деланаш болу цӀуш, шайн езачу дато а, дашо а йолчу пхьегӀашца йийсаре Мисар-махка дӀахьур бу цо. ТӀаккха масех шарахь, къилбаседе-махкарчу паччахьал лакхара а волуш, лаьттар ву иза. 9 Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тӀелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву.
10 ТӀаккха цуьнан кӀенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Ӏаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КӀенташа тӀом бийр бу мостагӀийн гӀалин гӀопана тӀекхаччалц. 11 ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀогӀа карзахвер ву. Цо, тӀе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тӀом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гӀур ду. 12 И эскар эшийначул тӀаьхьа, къилбе-махкарчу паччахьан даг чу куралла юссур ю. Цо хӀаллакдийр ду эзарнаш адамаш, амма цуьнан ницкъ дукха лаьттар бац.
13 Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тӀеман шорттачу гӀирсашца а иза сихха схьавогӀур ву. 14 Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхӀоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хӀаллакьхир бу. 15 Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хӀиттийна, шен дола йоккхур ю цо чӀагӀйина йолу гӀала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац. 16 Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дӀахӀоттийча, и мохк хӀаллакбар цуьнан карахь хир ду.
17 Шен пачхьалкхан мел болчу ницкъаца чу а вахана, къилбе-махкарчу паччахьца барт бан ойла хир ю къилбаседерачу паччахьан. Цо иза дийр а ду. Шена дагадеанарг кхочушдархьама шен йоӀ йохуьйтур ю цо хӀаллакьхила къилбе-махкарчу паччахье. Ткъа цуьнан дагалацам кхочуш а хир бац, цунах цунна кхиам а хир бац. 18 Цул тӀаьхьа хӀордаца доза долчу пачхьалкхашна тӀевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тӀе эхь даийтар. Цо иза юьхьӀаьржачу хӀоттор ву. 19 ТӀаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чӀагӀонаш тӀе, амма, таса а велла, вужур а ву, хӀаллак а хир ву иза.
20 Цуьнан метта цхьа кхиверг дӀахӀуттур ву. Пачхьалкхан сийлалла латто ял гулъеш верг вохуьйтур ву цо. Амма иза, оьгӀазаллах а доцуш, тӀамехь а доцуш, дукха хан ялале хӀаллакьхир ву.
21 Цуьнан метта дӀахӀуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гӀар-тата доцуш вогӀур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду. 22 Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагӀийн цӀоз, дистинчу хино дӀадаьхьча санна, хӀаллакдийр ду цо, бертан баьчча+ 11:22 *Бертан баьчча *– цу дешнийн маьӀна хила тарло: *динан коьрта да.* а тӀехь. 23 Ткъа кхечу паччахьашца ша барт бинчул тӀаьхьа уьш лебеш лелар ву и, лаккха а вер ву, шен кӀеззигчу халкъаца тоьлур а ву. 24 Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хӀонс а, схьаяьхна хӀуманаш а, бахам а шена тӀаьхьахӀиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГӀепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тӀекхаччалц хир ду.
25 Цул тӀаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Ӏаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТӀаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела. 26 Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хӀаллакван гӀертар бу. ТӀаккха цуьнан эскар дӀасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу. 27 Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хӀунда аьлча чаккхе цхьана ханна дӀатеттина йолу дела. 28 ТӀаккха къилбаседе-махкара паччахь шорттачу бахамца а, мостагӀчун ойланца а, Дала шеца барт бинчу халкъана дуьхьалвала шен махка ваха новкъа вер ву. Цо иза кхочуш а дийр ду, шен махка юха а воьрзур ву.
29 Билгалъяьккхинчу хенахь иза юха къилбехьа гӀур ву. Амма цу вахаран жамӀ хьалхалераниг санна хир дац, 30 хӀунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара+ 11:30 *Хитам-махкара *– Грекийн гочдар тӀехь: *римхойн.* хинкеманаш цунна дуьхьало ян догӀур ду. ТӀаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо. 31- 11:31 Даниал 9:27; 12:11; Маттай 24:15; Марк 13:14. Цуьнан эскархоша Делан цӀа а, керт а бехйийр ю. ХӀора дийнахь сагӀа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хӀума а дӀахӀоттор ю цо, цунна Ӏибадат а дойтуш. 32 Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тӀеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чӀогӀа дуьхьало йийр ю. 33 Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цӀерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу. 34 Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гӀо хир ду, тӀаккха дукхахберш царах дӀауьйр бу, амма доггах хир дац иза. 35 Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цӀанбархьама, кӀайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тӀекхаччалц, хӀунда аьлча билгалъяьккхина хан хӀинца а хир йолуш ю.
36- 11:36 а: 2 Тассалникахошка 2:3, 4; б: Довзийтинарг 13:5, 6. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тӀехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгӀазло хиллалц иза тоьлур ву, хӀунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. 37 Шен ден деланаш цунна дагабогӀур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела. 38 Бакъволчу Делан метта гӀепийн далла Ӏамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тӀулгашца, тайп-тайпана механа езачу хӀуманашца. 39 Иштта шен дайша ца лоручу делаца хьалагӀоттур ву иза уггар чӀогӀачу гӀепашна дуьхьал. И дела тӀеэцначеран кхин а алссам сий дийр ду цо, цаьрга дукха нахана тӀехь олалла а дойтур ду, царна совгӀатна латта а доькъур ду.
40 ТӀаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гӀудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тӀетатталур ву цунна. ТӀаккха, дистина догӀу хи санна, мехкашна тӀе а кхетта, царна тӀехула чекхвер ву иза. 41 ТӀаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хӀаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Ӏамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац. 42 Тайп-тайпанарчу мехкашна тӀе а куьг кховдор ду цо. КӀелхьарбер бац Мисар-мохк а. 43 Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хӀуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тӀаьхьахӀуьттур бу. 44 Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТӀаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хӀаллакдан а аравер ву иза. 45 ХӀордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь+ 11:45 *ХӀордана а... ламанна а юкъахь *– я иштта: *Шина хӀордана юкъахь... ломана уллохь.* шен паччахьаллин четарш дӀасадаржор ду цо. Амма шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву иза, цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац».
12Чаккхенан зама
1- 12:1 а: Довзийтинарг 12:7; б: Маттай 24:21; Марк 13:19; Довзийтинарг 7:14; 12:7. «Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу. 2- 12:2 ЕшаӀ-ЯхӀу 26:19; Маттай 25:46; Яхьъя 5:29. ТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. 3 Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тӀе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.
4- 12:4 Довзийтинарг 22:10. Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».
5 Цул тӀаьхьа со, Даниал, дӀахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хӀокху йистехь, важа – вукху йистехь. 6 Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тӀехь лаьтташ волчу стаге+ 12:6 *...волчу стаге *– я иштта: *...долчу малике.* хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла. 7- 12:7 а: Довзийтинарг 10:5; б: Довзийтинарг 12:14. ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а+ 12:7 *Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а *– схьахетарехь, и ду: *кхо шой, ах шой.*, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».
8 Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» – аьлла.
9 «ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. – 10- 12:10 Довзийтинарг 22:11. Дукхахберш цӀанлур бу, кӀайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Ӏесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.
11- 12:11 Даниал 9:27; 11:31; Маттай 24:15; Марк 13:14. СагӀа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттийначул тӀаьхьа цхьа эзар ши бӀе дезткъе итт де дер ду. 12 Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.
13 Ткъа хьо чаккхенна тӀегӀо, вала а велла, гӀоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догӀург схьаэца».