Векало ПахӀала

ковлусихошка

яздина кехат

Дешхьалхе

Ковлуси-гӀала Асиа-махкарчу Эпас-гӀалина малхбалехь яра. Ша набахтехь волуш векало ПахӀала ковлусихошка яздина кехат цу гӀалахь йолчу динан тобанна лерина дара. И динан тоба ПахӀала дӀахӀоттийна яцара, амма ПахӀална ша жоп дала деза аьлла хетачу меттехь яра иза, хӀунда аьлча Римхойн пачхьалкхана чубогӀучу Асиа-мехкан коьртачу гӀалара Эпасера цо цига динан гӀуллакхдархой бахийтинера. ПахӀална хезнера, Ковлуси-гӀалахь йолчу динан тобанехь харцхьехамчаш хиларх а, цара дӀасабаржош болчу харц хьехамех а лаьцна. Цара хьоьхура, Дела вовзархьама а, кхоччуш кӀелхьардахийтархьама а, «стигалийн цхьаболчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а» Ӏамал ян еза бохуш. Цул сов, оцу харцхьехамчаша бохура, стаг сунтвина хила а веза, кхачанца а, кхидолчу хӀуманашца а доьзна долу чӀогӀа Ӏадаташ наха лардан а деза.

ХӀара кехат ПахӀала яздо, динан бакъболчу кхоаца цу харцхьехамчашна дуьхьало ярхьама. Цо лучу жоьпан дух иштта ду: Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас кхоччуш долу кӀелхьардахар дала тарло, амма оцу кхидолчу парзаша а, Ӏадаташа а Цунах стаг херавоккху. Ша леррина Къобалвинчуьнгахула хӀара дуьне кхоьллина Дала, ткъа Цуьнгахула иза юха дӀа а оьцу Цо. Цуьнца боьзна хилчий бен, дуьнен тӀехь бехачу массо а наха шаьш кӀелхьардахаре сатуьйсийла дац. Цу сийлахьчу хьехамца ПахӀала дуьйцу, Ӏийсах тешаш верг шен дахарехь муха лела веза бохуш.

ХӀара кехат ТихӀакца Ковлуси-гӀаларчу динан тобане дӀадахьийтинера ПахӀала. Ткъа ТихӀакца цхьаьна новкъаваьлларг Онисам цӀе йолу цхьа лай вара. Цунах лаьцна ПахӀала Пхьалмане кехат яздинера.

1

1 Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а яздо 2 Ковлуси-гӀалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка.

Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Далла хастам бар

3 Шуна тӀера доӀанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волчу Далла. 4 ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. 5 Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. 6 Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тӀехь шен стом луш а, дӀасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. 7- 1:7 Ковлусихошка 4:12; Пхьалмане 1:23. И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гӀуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. 8 Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара.

9 Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тӀера даим доӀанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. 10 Иза иштта хилахь, массо а хӀуманна тӀехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гӀуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тӀехь кхиамаш а бохур бу аша. 11 Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чӀагӀдина хуьлийла, массо а хӀума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца 12 стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. 13 Вай, боданан олаллех кӀелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КӀентан олалле даьхна Цо. 14- 1:14 Эпасхошка 1:7. Цуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.

Дала леррина къобалвина Ӏийса а, Цо кхочушдина гӀуллакх а

15 Дала леррина Къобалвинарг

гуш воцучу Делан гуш долу васт ду.

Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.

16 Стигалшкахь а, лаьттахь а

гуш долу а, гуш доцу а

массо а хӀума Цо кхоьллина ду:

стигалийн паччахьаш, я олахой,

я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш.

И дерриг а Цо кхоьллина а ду,

Цунна кхоьллина а ду.

17 Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара,

Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту.

18- 1:18 Эпасхошка 1:22, 23. Иза динан массо а тобанан Корта бу,

ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю.

Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза.

Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву,

массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.

19 ХӀунда аьлча Далла тамехь дара

Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар.

20- 1:20 Эпасхошка 2:16. Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хӀума Шеца тайта.

ЖӀара тӀехь Ӏанийначу Шен КӀентан цӀийгахула

царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо.

21 Аша дечу вочу гӀуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагӀий дара шу. 22 Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама. 23 Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.

ПахӀала динан тобанна къахьегар

24 Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хӀинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегӀа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьахӀиттинчара Цуьнан дегӀан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегӀ – Ӏийсах тешачу массеран а тоба ю. 25 Дала суна тӀедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гӀуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта. 26 Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бӀешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дӀакъевлина яра. Ткъа хӀинца иза Шен долахь болчарна дӀайовзийтина Дала. 27 Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дӀахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. 28 Дала леррина Къобалвинарг вай дӀакхайкхаво, хӀора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Ӏама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дӀахӀотторхьама. 29 Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Ӏалашонна къахьоьгуш ву со.

2

1 Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а. 2 Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. 3 Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.

4 Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама. 5 ХӀунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чӀогӀа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.

Дала леррина Къобалвинчуьнца долу кхоччуш дуьзна дахар

6 Дала леррина къобалвина Ӏийса шаьш Веза Эла санна тӀеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш. 7 Шайн тешаран орамаш Цунах дӀа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чӀагӀлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.

8 Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. 9 ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву. 10 Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза.

11 Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна. 12- 2:12 Римхошка 6:4. Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дӀадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. 13- 2:13 Эпасхошка 2:1-5. Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. 14- 2:14 Эпасхошка 2:15. Цо дӀадайина вайн декхар тӀеяздина долу йоза. Оцу кехат тӀехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖӀарах дӀа а тоьхна, Дала и кехат дӀадаьккхина. 15 Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо.

16- 2:16 Римхошка 14:1-6. ХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. 17 ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. 18 Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. 19- 2:19 Эпасхошка 4:16. ДегӀан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тӀе ца гӀерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегӀ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.

Дала леррина Къобалвинчуьнца далар а, Делаца дахар а

20 Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Ӏадатийн а долара схьадевлла хилча, хӀунда гӀерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, 21 «хӀокхунах ма хьакхалолаш», «хӀара ма яалаш», «кхунах куьг ма Ӏотталаш» бохучу сацамашна тӀе? 22 Диина даьлча, телхина дӀадер долчу хӀуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац. 23 ТӀехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Ӏамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догӀмашна тӀехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.

3

1- 3:1 Забур 109:1. Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. 2 Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. 3 ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду. 4 Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догӀур ду.

Шира а, керла а дахар

5 Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хӀаллакбелаш: нахаца лелар, цӀена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хӀунда аьлча сутара хилар цӀушна Ӏамал яр санна ду). 6 Иштта дерг лелорна муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло тӀейогӀур ю. 7 Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хӀуманех дуьзна долчу хенахь.

8 Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр. 9- 3:9 Эпасхошка 4:22. Вовшашка харц ма ле, хӀунда аьлча шайн шира адам цуьнан гӀуллакхашца цхьаьна аша дӀа ма тесна. 10- 3:10 а: Эпасхошка 4:24; б: Доладалар 1:26. Керла адам а хилий, дӀахӀитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. 11 Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.

12- 3:12, 13 Эпасхошка 4:2. Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. 13- 3:13 Эпасхошка 4:32. Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра. 14 Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хӀуманашна тӀетоха. Массо а хӀума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу. 15 Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила. 16- 3:16, 17 Эпасхошка 5:19, 20. Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала. 17 Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.

Керлачу дахарехь юкъаметтигаш муха хила еза

18- 3:18 Эпасхошка 5:22; 1 Кипин 3:1. Зударий, шайн майранашна муьтӀахь хила, хӀунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна.

19- 3:19 Эпасхошка 5:25; 1 Кипин 3:7. Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила.

20- 3:20 Эпасхошка 6:1. Бераш, массо а хӀуманна тӀехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хӀунда аьлча иза Далла хазахетарг ду.

21- 3:21 Эпасхошка 6:4. Дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама.

22- 3:22-25 Эпасхошка 6:5-8. Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела. 23 Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. 24 Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву. 25- 3:25 Карлабаьккхинарг 10:17; Эпасхошка 6:9. Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.

4

1- 4:1 Эпасхошка 6:9. Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.

Хьехамаш

2 Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш. 3 Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. 4 Дехалаш Деле, и къайле дӀакхайкхо еззачу тайпана дӀакхайкхо суна хаийта алий.

5- 4:5 Эпасхошка 5:16. Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш. 6 Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хӀоранга а жоп муха дала деза а хууш.

Маршаллаш

7- 4:7, 8 Эпасхошка 6:21, 22. Сох лаьцна шадерг ТихӀака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гӀуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. 8 Тхоьгахь хӀун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахӀитто а воуьйту аса иза шу долчу. 9- 4:9 Пхьалмане 1:10-12. Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.

10- 4:10 а: Векалийн 19:29; 27:2; Пхьалмане 1:24; б: Векалийн 12:12, 25; 13:13; 15:37-39. Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тӀедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) 11 Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаӀа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чӀогӀа догъоьцура цара.

12- 4:12 Ковлусихошка 1:7; Пхьалмане 1:23. Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тӀера дечу доӀанашкахь, шайн тешарна тӀехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. 13 Лаудика-гӀалахь а, ХӀерапал-гӀалахь а долчу шуна Эпарпис чӀогӀа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса. 14- 4:14 а: 2 Тимапига 4:11; Пхьалмане 1:24; б: 2 Тимапига 4:10. Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.

15 Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цӀерачу динан тобане а. 16 ХӀара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дӀадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша. 17- 4:17 Пхьалмане 1:2. Арихупе иштта дӀаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тӀелаьцна долу деза гӀуллакх кхочушделахь».

18 Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хӀара тӀаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш.

Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.