Ӏамос-пайхамаран

тептар

Дешхьалхе

Ӏамос-пайхамар – Делан Йозанашкахь хьалхара пайхамар вара, шен хаам тӀехь йоза яздинчу хьарчоран дохаллехь дӀаязбина волу. Ша ЯхӀуд-махкахь йолчу юьртара схьаваьллехь а, Исраил-мехкан къилбаседерчу пачхьалкхан нахана кхайкхамаш бора цо. Дала леррина Къобалвинарг дуьнен тӀе валале борхӀалгӀачу бӀешарана юккъехь хилла иза. Оцу заманахь нах беркатехь Ӏаш бара, уьш суьпа лелара, иштта шайн хьал царна маьрша хетара. Делахь а Ӏамос-пайхамарна гира беркат хьолахойн бен ца хилар, ткъа и беркат латтадора, нийса ца хилар а, къечу нахана гӀело яр а бахьана долуш. Нехан суьпалла тӀехулара бен яцара, ткъа церан хьал баккъалла а маьрша дацара. Жигара а, доьналлица а цо кхайкхам бора, Дала халкъана таӀзар дийр ду бохуш. Цо нахе элира: «Нийсо, доьду хи санна, дӀагӀойла» (5:24), – иштта: «ТӀаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала оцу къоман бисинчех» (5:15).

1

Делан кхелах лаьцна хаам

1- 1:1 а: ТӀаьххьарнаш 15:1-7; 2 Шерашкахь 26:1-23; б: ТӀаьххьарнаш 14:23-29. ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.

2- 1:2 Юал 3:16. Ӏамоса иштта элира:

«Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву,

Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз.

ТӀаккха дежийлаш а якъалур ю,

Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».

Дала исраилхойн лулахошна кхел яр

Арам-мохк

3- 1:3-5 ЕшаӀ-ЯхӀу 17:1-3; Ярми-ЯхӀу 49:23-27; Закри-ЯхӀу 9:1. Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина. 4 Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро. 5 Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», – боху Везачу Эло.

ПӀелаштам-мохк

6- 1:6-8 ЕшаӀ-ЯхӀу 14:29-31; Ярми-ЯхӀу 47:1-7; Яхьазкхиал 25:15-17; Юал 3:4-8; Цапни-ЯхӀу 2:4-7; Закри-ЯхӀу 9:5-7. Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама. 7 Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш. 8 Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.

Цора-гӀала

9- 1:9, 10 ЕшаӀ-ЯхӀу 23:1-18; Яхьазкхиал 26:1–28:19; Юал 3:4-8; Закри-ЯхӀу 9:1-4; Маттай 11:21, 22; Лака 10:13, 14. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. 10 Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».

Эдом-мохк

11- 1:11, 12 ЕшаӀ-ЯхӀу 34:5-17; 63:1-6; Ярми-ЯхӀу 49:7-22; Яхьазкхиал 25:12-14; 35:1-15; Ӏабди-ЯхӀу 1:1-14; Малъаки 1:2-5. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара. 12 Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».

Ӏаммин-мохк

13- 1:13-15 Ярми-ЯхӀу 49:1-6; Яхьазкхиал 21:28-32; 25:1-7; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама. 14 Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. 15 Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло.

Муаби-мохк

2

1- 2:1-3 ЕшаӀ-ЯхӀу 15:1–16:14; 25:10-12; Ярми-ЯхӀу 48:1-47; Яхьазкхиал 25:8-11; Цапни-ЯхӀу 2:8-11. Иштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера. 2 Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш. 3 Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», – боху Везачу Эло.

ЯхӀудан халкъ

4 Иштта боху Везачу Эло: «ЯхӀудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дӀатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тӀаьхьахӀиттина леллачу цӀуша тилийна уьш. 5 Ас цӀе хьажор ю ЯхӀудана тӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».

Исраилан халкъ

6 Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара бакъверг а детих дӀавухку, къениг а вухку шина мачех. 7 Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кӀант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цӀе емал а еш. 8 Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь.

9- 2:9 Карлабаьккхинарг 3:8-11. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина. 10 Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. 11- 2:11 Лелар 6:1-8. Ас шун кӀенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех – назархой+ 2:11 *Назархой *– уьш Далла лерина нах бу. Цара чӀагӀо йора чагӀар ца мала а, кемсаш ца яа а. Коьртара месаш дӀа а ца лоргура цара.* хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» – боху Везачу Эло. 12 «Ткъа аша назархошна чагӀар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш. 13 Ас хӀинца охьатаӀор ду шу, цӀевнех юьзначу гӀудалкхо охьа-ма-таӀӀора. 14 ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 15 Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дӀавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 16 ТӀемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», – боху Везачу Эло.

3

1 ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла: 2 «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».

Пайхамаран Ӏалашо

3 Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш?

4 Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча?

Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш?

5 РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча?

ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча?

6 Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш?

Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина?

7 Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш.

8 Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш?

Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?

Шамран-гӀалин кхоллам

9 Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», – алий.

10 «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна». 11 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду».

12 Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой. 13 Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. 14- 3:14 ТӀаьххьарнаш 23:15. «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош – церан маӀаш+ 3:14 *СагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш исраилхоша шаьш кӀелхьарбовлархьама схьалоцуш хилла.*, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю. 15 Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», – боху Везачу Эло.

4

1 ЛадогӀа кху даше, Шамранан лам тӀехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гӀийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Ӏазапехь латтош берш а, шайн хӀусамдайшка: «Схьада чагӀар, оха мер ду!» – бохурш ду. 2 Шен возаллица чӀагӀо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мӀерашца текхор болу денош шуна тӀедогӀур ду», – бохуш. 3 «Пенах даьккхинчу уллорачу Ӏуьргана тӀе а такхийна, кхиссина арадохуьйтур ду шу, тӀаккха шу Хьармон-лам болчухьа дӀалохкур ду», – боху Везачу Эло.

Исраилан халкъан аьрхалла

4 «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гӀаларчу езачу метте дӀа а гӀой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀора Ӏуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгӀа дакъа дӀало. 5 Исраилхой, баркаллин сагӀина лерина долу совсийна бепиг схьада, дӀакхайкхаде аша шайн лаамца сагӀанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дӀасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло.

6 «Со ма вара шун массо а гӀаланашкахь мацалла ХӀоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХӀоттийнарг а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 7 Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тӀекхаччалц, догӀа ца доуьйтура шуна. Цхьана гӀалахь догӀа доуьйтура Ас, ткъа вукху гӀалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догӀано, ткъа важа, хин тӀадам божаза, дакъалора. 8 Шина-кхаа гӀалара нах хи малархьама цхьана гӀали чу гуллора, амма шаьш Ӏаббалц ца малалора цаьрга иза. ТӀаккха а тӀе ца дирзи шу Суна», – боху Везачу Эло.

9 «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тӀе. ЦӀазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу.

10 Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тӀедаийтира. Шун кегий нах туьраца хӀаллакбора Ас, дой йийсаре дӀа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерӀуьргашка еттайолуьйтура. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло.

11- 4:11 Доладалар 19:24. «Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цӀергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 12 Цундела Ас иштта дийр ду шуна, исраилхой. Аса иза иштта дийр долу дела, кечло, исраилхой, шайн Далла дуьхьалдаха!»

13 Дала лаьмнаш а кхуллу,

мох а болуьйту,

адамна Шен ойла дӀа а хоуьйту,

Ӏуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту.

Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до.

Цуьнан цӀе ю – массо а ницкъийн Веза Дела.

5

Далла тӀедерзаре кхайкхам бар

1 ЛадогӀа, исраилхой, Ас хьох лаьцна белхар доккхур долчу кху даше.

2 Охьа а доьжна, кхин хьала ца айалуш Ӏуьллу

йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ!

Шен мехкан лаьтта тӀехь даржийна долу иза,

вац-кх хьалаайа цхьа а.

3 ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Исраил-махкахь эзар тӀемалочуьнца дуьхьалъяьллачу гӀалин оцу тӀемалойх бӀе бен вуьсур вац, ткъа бӀе тӀемалочуьнца дуьхьалъяьлларг иттанца юьсур ю».

4 ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху Исраилан цӀийне: «Со лехалаш – дийна дуьсур ду шу. 5 Бетал-гӀалахь Со ма лехалаш, Галгал-гӀала ма гӀолаш, Беар-ШабаӀе ма кхачалаш, хӀунда аьлча Галгал-гӀала йийсаре гӀур ю, ткъа Бетал-гӀала хӀумма а йоцург хилла дӀахӀуттур ю».

6 Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа. 7 Нийсонах дӀовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хӀай адамаш!

8- 5:8 Аюб 9:9; 38:31. Хьан кхоьллина ВорхӀ Седа а, Орион а?

Хьан еш ю Ӏожаллин ӀиндагӀах сирла Ӏуьйре,

ткъа дийнах Ӏаьржа буьйса?

Хьан тӀегулдо хӀордан хиш?

Уьш лаьтта тӀехула Хьан дӀасадаржадо?

Цуьнан цӀе – Веза Эла ю!

9 Цо онданиг хӀаллак а во,

цуьнан гӀап йоха а йо.

10 Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша. 11 Иштта аша мисканиг охьа а теӀош, цуьнгара ялтица совгӀаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тӀулгех цӀенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагӀар мер дац, 12 хӀунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагӀий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гӀуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. 13 Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хӀунда аьлча и зама луьра ю.

14 Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТӀаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву. 15 Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахӀоттадейша дов хаттар. ТӀаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цӀийнах бисинчех.

16 Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яӀ! Маржа-яӀ!“ – бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тӀекхойкхур бу. 17 Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хӀунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таӀзар дархьама», – боху Везачу Эло.

18 Декъаза бу Везачу Элан де тӀекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций. 19 Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тӀе нисвалар, я, шен цӀа а веана, куьйгаца пенна тӀетевжича, лаьхьано къовзор санна ду. 20 Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Ӏаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац.

21- 5:21, 22 ЕшаӀ-ЯхӀу 1:11-14. «Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета. 22 Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш аша дахахь а, Аса тӀеоьцур дац уьш. Со дӀахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагӀане. 23 Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гӀовгӀа, хӀунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугӀур дац. 24 Нийсо, доьду хи санна, дӀагӀойла, ткъа бакъдерг – лекъар доцу татол санна!

25- 5:25-27 Векалийн 7:42, 43. Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан! 26 Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хӀетахь а леладора те аша? Ткъа хӀинца аша уьш лела ма бо! 27 Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Дела ю.

6

Везачу Эло Исраилан мохк хӀаллакбийр бу

1 Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу. 2 Даха а гӀой, Хална-гӀалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гӀала дӀагӀо. ПӀелаштамхойн Гати-гӀала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхӀудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул? 3 Бала тӀебогӀу де геннахь а хеташ, Ӏазап толар гергадаладо аша. 4 Пийлан кӀомсарех бинчу маьнгеш тӀехь Ӏохку шу, дегӀана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. 5 Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гӀирсаш лело говзалла ю. 6 Кедаш чуьра чагӀар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цӀенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу! 7 Цундела хӀинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гӀур ду, чекхдер ду шун тойнаш хӀиттор а, сакъерар а.

8 Ша-шех чӀагӀо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гӀишлойх, Ас гӀала а, гӀалахь мел дерг а дӀалур ду мостагӀашна».

9 Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цӀа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хӀаллакьхир ву. 10 ТӀаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цӀа чуьра арадахархьама. ЦӀа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?»

Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна».

ХӀокхо эр ду: «ГӀовгӀа ма е! Везачу Элан цӀе яккха мегар дац».

11 ХӀунда аьлча Везачу Эло, омра а дина, даккхий а, кегий а цӀенош хӀаллакдийр ду, царах аьхгаш а еш. 12 Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина.

13 Шаьш Ладебар-гӀала+ 6:13 *Ладебар-гӀала *– и цӀе Ӏебархойн маттахь «хӀумма а доцург» бохучух тера ду.* схьаяьккхина бохуш, дозалла деш ду шу. «Тхайн ницкъаца дӀа ца лаьцна оха Кхарнайм-гӀала+ 6:13 *Кхарнайм-гӀала *– оцу жимачу гӀалин цӀе «маӀаш» боху маьӀна долуш ю, ткъа иза ницкъан билгало ю.*?» – боху аша.

14 «Ткъа хӀинца, Исраилан цӀа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Ӏин долчуьра къилбера Ӏариба-тогӀин хина тӀекхаччалц дӀалохкур ду шу», – боху массо а ницкъийн Везачу Дала.

7

ЦӀоз гар

1 Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цӀоз кхоьллира тӀаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тӀера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тӀаьхьа, керла буц хьалайолуш. 2 ЦӀазо буц дӀайиъна яьлча, ас элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».

3 Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира Везачу Эло.

ЦӀе гар

4 Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Везачу Эло кхел ян цӀе кхоьллира. Оцу цӀеро лаьттана бухахь болу боккха хӀорд а бакъийра, ткъа кхаш дӀа а кхаьллира. 5 Ас тӀаккха элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».

6 Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира сан Хьалдолчу Эло.

Санисбийриг гар

7 Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра. 8 Везачу Эло соьга хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?»

«Санисбийриг го», – жоп делира ас.

ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ас хӀинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац. 9 Яссийна хир ю Исхьакхан тӀаьхьенийн сагӀанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаӀам-паччахьан цӀенна а Со туьраца дуьхьалвер ву».

Ӏамос а, Амци-ЯхӀу а

10 Бетал-гӀалин динан да волчу Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахьна ЯрбаӀамна тӀе нах бахийтира хӀара дӀаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Ӏамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург. 11 ХӀунда аьлча Ӏамоса иштта боху: „ЯрбаӀам туьрах хӀаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тӀера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“».

12 Амци-ЯхӀус иштта элира Ӏамосе: «Хиндерг хууш верг! Вало, ЯхӀуд-махка дӀа а гӀой, цигахь бепиг даа хьайна алапа эца, цигахь, пайхамаро санна, хаамаш а бе. 13 Ткъа Бетал-гӀалахь пайхамаралла кхин ма де, хӀунда аьлча иза паччахьо Ӏибадат деш йолу меттиг а ю, пачхьалкхан Деза цӀа а ду».

14 Ӏамоса Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Со пайхамар а вац, я шайна алапа оьцучу пайхамарийн тобана юкъавогӀуш а вац. Со жаӀу вара, цул сов, ас инжиран дитташ а Ӏалашдора. 15 Амма Везачу Эло уьстагӀий долчуьра схьаваьккхира со. Цо соьга иштта элира: „Вало, Сан халкъана, исраилхошна, Соьгара болу хаамаш бан гӀо“. 16 ЛадогӀа хӀинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тӀаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“. 17 Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хӀара боху: „Хьан зуда гӀалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кӀентий а, йоӀарий а туьро хӀаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дӀалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».

8

Стоьмаш чохь болу тускар гар

1 Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. 2 Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?»

Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла.

ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. 3 Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду».

Исраилан халкъана кхел яр

4 ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а, 5 иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. 6 Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а».

7 Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса! 8 Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза. 9 Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу. 10 Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.

11 Денош тӀедогӀур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. 12 Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац. 13 Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу. 14 Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“ – олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац».

9

Везачу Элан кхелах цхьа а валалур вац

1 Веза Эла сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цӀенна хӀиттийначу бӀогӀамашна тӀе, баххаш ластийттал, хӀума тоха. И бӀогӀамаш массеран а кортош тӀе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хӀаллакбийр бу. Царах цхьа а дӀа а вадалур вац, цхьа а кӀелхьар а валалур вац. 2 Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. 3 Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бӀаьргашна хьалхара дӀабевлла, хӀордан бухахь уьш дӀаловчкъахь а, цигахь а Ас хӀордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла. 4 Нагахь санна, шайн мостагӀашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гӀахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бӀаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тӀехьажор бу».

5 ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало,

тӀаккха латта дӀасадекъало.

Лаьтта тӀехь вехаш мел верг воьлху.

Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло.

6 Дала Шена лерина хӀусамаш стигалшкахь йина,

ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна.

Цо хӀордан хиш схьа а гулдо,

уьш лаьтта тӀехула дӀа а Ӏанадо.

Цуьнан цӀе – Веза Эла ю!

7 «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло. 8 «Хьалдолчу Элан бӀаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тӀехьажийна бу. Ас, хӀаллак а йина, лаьтта тӀера тӀепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цӀа Ас кхоччуш хӀаллакдийр дац, – боху Везачу Эло.

9 – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу. 10 Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хӀаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тӀе а богӀур бац“».

Дала Исраилан халкъ хьалха ма-хиллара дӀахӀоттор

11- 9:11, 12 Векалийн 15:16-18. «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахӀоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дӀа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дӀахӀоттор ду иза. 12 Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хӀара дерриге а деш волчу Везачу Эло.

13 «ТӀекхочур ду, – боху Везачу Эло, –

охуш волчунна – оруш верг гун волу а,

ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дӀаюьйш волчунна тӀаьхьа кхуьур воцу а токхе денош.

Кемсийн мутта лаьмнех охьаӀийдалур ду,

массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза.

14 Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тӀе юхадерзор ду.

Яссийначу гӀаланашкахь гӀишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш.

Кемсийн бошмаш а йоьгӀна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду,

бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.

15 Ас шайн лаьтта тӀе охьаховшор бу исраилхой.

Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тӀера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала.