Ӏийсан

векалийн

гӀуллакхаш

Дешхьалхе

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш цӀе йолу тептар Ӏийсас беана, Лакас дӀаязбина болу хаза кхаъ цӀе йолчу тептаран тӀаьхье ю. Тептаран коьрта Ӏалашо ю Делан Сино лелош болчу Ӏийсан мурдаша хаза кхаъ «Ярушалайм-гӀалахь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Шамран-махкахь а, Лаьттан йистошка кхаччалц» (1:8) дӀасабаржорах лаьцна дийцар. Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинчеран болам, жуьгтийн къомана юкъахь бола а белла, дерриг а дуьненна дин а хилла дӀахӀоттарх лаьцна яздо тептар тӀехь. Яздархо тептар дешархой тешо гӀерта Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинарш Риман империна политически агӀор кхераме ца хиларх а, Ӏийсан мурдийн дино жуьгтийн дин кхачаме хила дӀахӀотторх а.

Векалийн гӀуллакхаш коьртачу кхаа декъе декъа мегар ду. Цу дакъошкахь Ӏийсах болу хаза кхаъ кхайкхош хилар а, Ӏийсах тешачийн тобанаш дӀахӀиттор а гойту:

1) Ӏийса стигала хьалаваьккхинчул тӀаьхьа Ӏийсан мурдийн болам дӀаболабалар (1–7 кортош);

2) Исраил-мехкан кхечу меттигашка а болам дӀасабаржар (8–12 кортош);

3) Рим-гӀалина тӀекхаччалц Дуьненаюккъерачу хӀордана гонахара латтанашкахула болам кхидӀа а дӀасабаржар (13–28 кортош).

Векалийн гӀуллакхаш цӀе йолчу тептаран шатайпа башхо ю Делан Синан гӀуллакх гайтар. Ялта чудерзоран дезачу дийнахь Ярушалайме гулбеллачу Ӏийсах тешачарна Шен ницкъаца тӀедоьссира Делан Са. Цу Сино лелош а, чӀагӀбеш а бу Ӏийсах тешарш а, церан куьйгалхой а тептарехула вайга кхаьчначу берриге а хиламашкахь. Ӏийсах тешачарех болу дуьххьарлера хаам цхьаболчу динан хьехамашкахь буьйцуш бу, ткъа Векалийн гӀуллакхаш тӀехь бийцинчу хиламаша цу хааман ницкъ гойту Ӏийсах тешачийн дахарехь а, тешачийн тобанийн юкъаметтигашкахь а.

1

Делан Са лур ду алар

1- 1:1 Лака 1:1-4. Лоруш волу Теапил,

сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, 2 Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц. 3 Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.

4- 1:4 Лака 24:49. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. 5- 1:5 Маттай 3:11; Марк 1:8; Лака 3:16; Яхьъя 1:33. ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».

Ӏийса стигала хьалаваккхар

6 Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» – аьлла.

7 Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац. 8- 1:8 Маттай 28:19; Марк 16:15; Лака 24:47, 48. Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».

9- 1:9 Марк 16:19; Лака 24:50, 51. Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. 10 Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира. 11 «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву».

ЯхӀудан метта векал харжар

12 Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. 13- 1:13 Маттай 10:2-4; Марк 3:16-19; Лака 6:14-16. ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг+ 1:13 *Грекийн тептар тӀехь: *ШамӀа-зилатхо. *Зилатхо: Риман Ӏедална дуьхьал къийсам латтош йолчу жуьгтийн динан тобанан декъашхо.*. 14 Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара.

15 Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: 16 «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь. 17 ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».

18- 1:18, 19 Маттай 27:3-8. Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. 19 Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду.

20- 1:20 а: Забур 68:26; б: Забур 108:8. « Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду:

„Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла,

цигахь цхьа а кхин ма вехийла“,

вукхунхьа:

„Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“.

21- 1:22 а: Маттай 3:16; Марк 1:9; Лака 3:21; б: Марк 16:19; Лака 24:51. Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла, 22 ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».

23 Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. 24 Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна 25 ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг». 26 Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.

2

Делан Са доссар

1- 2:1 Ӏамалъяр 23:15-21; Карлабаьккхинарг 16:9-11. Жуьгтийн « ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. 2 ЦӀеххьана, чӀогӀа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гӀовгӀа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цӀа дуьзира. 3 Йогучу цӀеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хӀоранна тӀехула севцира. 4 Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.

5 Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чӀогӀа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара. 6 И гӀовгӀа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хӀунда аьлча хӀоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара. 7 Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? 8 Вайна хӀоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш? 9 Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Ӏейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхӀуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а, 10 Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гӀалин йистера адамаш а, римхой а, 11 (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тӀеэцнарш а), Крит-гӀайренан бахархой а, Ӏаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш!» 12 Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хӀара хӀун ду?» – бохуш.

13 Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагӀар мелла».

Кипас ШавуӀот-дийнахь дина къамел

14 Кипас, вукху цхьайтта векалца дӀа а хӀоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхӀудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогӀалаш! 15 ХӀара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хӀинца Ӏуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла. 16 Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хӀара.

17- 2:17-21 Юал 2:28-32 (Грекийн). „ТӀаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.

ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу.

Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу,

ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.

18 Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь,

тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.

19 Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а,

лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду:

цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.

20 Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале

малхах бода хир бу,

баттах цӀий хир ду.

21 Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг

кӀелхьарвоккхур ву“.

22 Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. 23- 2:23 Маттай 27:35; Марк 15:24; Лака 23:33; Яхьъя 19:18. Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза. 24- 2:24 Маттай 28:5, 6; Марк 16:6; Лака 24:5. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 25- 2:25-28 Забур 15:8-11 (Грекийн). Дауда олура Цунах лаьцна:

„Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха.

Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.

26 Цундела сан дог а сакъералуш ду,

сан багара мотт а самукъадаьлла бу.

Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.

27 ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.

Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.

28 Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,

Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.

29 Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 30- 2:30 Забур 131:11; Дауд 7:12, 13. Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 31 Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 32 Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. 33 Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. 34- 2:34, 35 Забур 109:1. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира:

„Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле:

‘Суна аьтту агӀор охьахаа,

35 Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“.

36 Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна».

37 И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» – бохуш.

38 Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду. 39 И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а».

40 Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех». 41 Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира.

Ӏийсах тешачеран дахар

42 Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара. 43 Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула. 44- 2:44 Векалийн 4:32-35. Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара. 45 Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина. 46 ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, 47 Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура.

Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.

3

Кипас сагӀадоьху заьӀап стаг тово

1 Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш. 2 Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цӀе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьӀап волу цхьа стаг. Иза хӀора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цӀийнан керта богӀучу нахе цуьнга сагӀа дехийтархьама. 3 Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагӀа дийхира заьӀапчу стага. 4 ХӀара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!» 5 И стаг дӀахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна. 6 ТӀаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Ӏийсан дуьхьа, хьала а гӀаттий, дӀаволало!» 7 Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагӀаттийра и стаг. ЦӀеххьана заьӀапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чӀагӀъелира. 8 Иза, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. ДӀаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цӀийнан керта вахара иза. 9 Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогӀуш. 10 «Исбаьхьчу» кевнехь сагӀадоьхуш Ӏийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.

Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь Кипас дина къамел

11 Товелла заьӀап стаг, Кипиний, Яхьъяний тӀаьхьара а ца волуш, вогӀура. Инзардаьлла дедда догӀу дерриг а адам царна тӀаьххье Сулим-паччахьан цӀарах йолчу лекхачу бӀогӀамех йинчу гӀишлонна тӀекхечира. 12 ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг? 13- 3:13 Арадаккхар 3:15. ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а. 14- 3:14 Маттай 27:15-23; Марк 15:6-14; Лака 23:13-23; Яхьъя 19:12-15. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша. 15 Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду. 16 Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.

17 Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гӀуллакх шайна ца хаарна динийла. 18 Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар. 19 ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама. 20 ТӀаккха Дала шуна паргӀат зама йоуьйтур ю. ТӀаккха Цо шуна хӀоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Ӏийса ву. 21 Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахӀоттор ду аьлларг тӀекхаччалц йолчу ханна Ӏийса стигалахь хир ву. 22- 3:22 Карлабаьккхинарг 18:15, 18 (Грекийн). Муса-пайхамаро а ма аьлла:

„Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хӀоттор ву шуна юкъахь, со санна.

Цо бохучу массо а хӀумане ладогӀалаш.

23- 3:23 Карлабаьккхинарг 18:19. Цуьнга ла ца доьгӀнарг массо а, шен халкъах дӀа а къастийна, хӀаллаквийр ву“.

24 Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тӀера дуьйна, хӀара денош догӀур ду аьлла ду. 25- 3:25 Доладалар 22:18. Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“. 26 Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тӀеваийтира Иза, зуламечу гӀуллакхех шух хӀора а дӀадерзош, къобалдархьама».

4

Кипа а, Яхьъя а коьртачу кхеташонехь

1 Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира. 2 Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. 3 Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера.

4 Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира.

5 ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. 6 Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь. 7 Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» – бохуш.

8 Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! 9 Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь, 10 дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! 11- 4:11 Забур 117:22. Ӏийса – Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу. 12 Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».

13 Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий. 14 Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн. 15 Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш.

16 «ХӀун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац. 17 Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар».

18 Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. 19 Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар? 20 Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац».

21 Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. 22 ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара.

Делах тешачийн доӀа

23 Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира. 24- 4:24 Арадаккхар 20:11; Нахьми-ЯхӀу 9:6; Забур 146:6. И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира:

«Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!

25- 4:25, 26 Забур 2:1, 2 (Грекийн). Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца:

„Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу?

Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?

26 Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу,

лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу,

Везачу Элана дуьхьал а бевлла,

Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.

27- 4:27 а: Лака 23:7-11; б: Маттай 27:1, 2; Марк 15:1; Лака 23:1; Яхьъя 18:28, 29. Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян. 28 Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара. 29 ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, 30 ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!»

31 Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.

Массо а хӀума юкъахь хилар

32- 4:32 Векалийн 2:44, 45. Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. 33 Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. 34 Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. 36 Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду) 37 шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.

5

Хьанас а, Шаппира а

1 Цхьана стага шен бахам дӀабоьхкира. Цу стеган цӀе Хьанас яра, цуьнан зудчун цӀе Шаппира яра, 2 Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дӀалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо. 3 Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? 4 Ахьа дӀадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХӀунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина».

5 И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧӀогӀа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. 6 Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дӀа а хьарчийна, дӀа а даьхьна, дӀадоьллира.

7 Цул тӀаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг. 8 Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хӀокху мехах доьхкирий аша латта?»

Зудчо элира: «ХӀаъ, оцу мехах».

9 Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеӀарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дӀа а воьллина, чубогӀу нах бу хьуна уьш. Хьо а дӀахьур ю хьуна цара». 10 Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Ӏуьллуш гира. ДӀаяьхьна, шен майрачунна улло дӀайоьллира иза. 11 Ӏийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.

Тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а

12 Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь гуллора. 13 Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хӀуттура. 14 Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. 15 Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тӀехь урамашка арабохура, тӀехволучу Кипин ӀиндагӀ мукъана а царна тӀедожийта. 16 Ярушалаймана гонахарчу гӀаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура.

Векалш дӀалецар

17 Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогӀах буьзна бара. 18 Цара векалш, дӀа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира. 19 Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. 20 Цо элира цаьрга: «Делан цӀийнан керта а гӀой, нахана хӀокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла.

21 Ӏуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цӀийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хӀиттира векалш.

Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира. 22 Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира: 23 «Набахтин ков дика дӀакъевлина ду, иза лардеш гӀаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», – аьлла. 24 Цаьрга ла а доьгӀна, Делан цӀийнан гӀаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХӀара хӀун ду?» – бохуш. 25 Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цӀийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», – аьлла. 26 ТӀаккха гӀаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хӀунда аьлча наха шайна тӀулгаш деттарна кхоьрура уьш. 27 Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга: 28- 5:28 Маттай 27:25. «Оха шуна чӀогӀа дихкинера, цу стеган цӀарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дӀасабаржийна. Цул сов, цу стеган цӀий тхох хьарчадо аша».

29 Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтӀахь хила деза тхо! 30 Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Ӏийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. 31 Амма Дала Иза, Эла а, кӀелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тӀедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. 32 Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».

33 И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чӀогӀа оьгӀазбахара. Векалш байа лууш бара уьш. 34 Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. 35 Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун. 36 Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх. 37 Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира. 38 Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду. 39 Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».

40 Цо бохучуьнга ладуьйгӀира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Ӏийсан цӀарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дӀахийцира цара. 41 Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. 42 ХӀора денна Делан цӀийнан кертахь а, цӀеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.

6

ВорхӀ гӀоьнча дӀахӀоттар

1 Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Ӏебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хӀуманан дакъа шайн бисина Ӏачу зударшна ца кхочуьйту.

2 ТӀаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дӀакхайкхор а сацийна, тхо хӀума екъа хӀиттича, нийса хир дац. 3 Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхӀ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гӀарабевлла хила беза. Вай и гӀуллакх царна тӀедуьллур ду. 4 Ткъа оха тхешан ерриге а хан доӀанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».

5 Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тӀеэцна волу Антиохера Никлас а. 6 И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.

7 Делан дош дӀасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Ӏийсах долчу тешарна муьтӀахь хилира.

Тапа лацар

8 Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Ӏаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара. 9 Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогӀучу, «паргӀатбевлларш» аьлла цӀе йолчу жуьгтийн гуламан цӀийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира. 10 Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга. 11 ТӀаккха цара къайлаха нах кечбира дӀахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Ӏеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла. 12 Адам а, Ӏелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра. 13 Харц тоьшалла дан нах дӀахӀиттийра. Цара бохура: «ХӀара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. 14 Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Ӏийсас хӀара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гӀиллакхаш а хуьйцур ду“».

15 Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.

7

Коьртачу кхеташонехь Тапас дина къамел

1 Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» – аьлла.

2- 7:2, 3 Доладалар 12:1. Тапас жоп делира:

«Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогӀар. Вайн да ИбрахӀим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хӀоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахӀим ХӀаран-гӀала дӀавахаза вара. 3 „Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо“, – элира Дала ИбрахӀиме. 4- 7:4 а: Доладалар 11:31; б: Доладалар 12:4. Хашадхойн мохк дӀа а тесна, ХӀаран-гӀала дӀавахара ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хӀинца шу Ӏаш долчу махка хьажийра. 5- 7:5 Доладалар 12:7; 13:15; 15:18; 17:8. Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чӀагӀо йира цунна, иза а, цуьнан тӀаьхьенаш а хӀокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахӀим цу хенахь доьзалхо воцуш вара. 6- 7:6, 7 Доладалар 15:13, 14. Дала элира цуьнга: „Хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш. 7- 7:7 Арадаккхар 3:12. Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“.

8- 7:8 а: Доладалар 17:10-14; б: Доладалар 21:2-4; ц: Доладалар 25:26; д: Доладалар 29:31–35:18. Юха Дала ИбрахӀимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахӀима, Исхьакхан да ша хилча, борхӀалгӀачу дийнахь иза хадийра. ТӀаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира.

9- 7:9 а: Доладалар 37:11; б: Доладалар 37:28; ц: Доладалар 39:2, 21. Тхьамданаша, Юсупца хьагӀ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира. 10- 7:10 Доладалар 41:39-41. Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кӀелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирӀун, кхунна тӀе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цӀийнан а куьйгалхо вира. 11- 7:11 Доладалар 42:1, 2. Юха Мисарахь а, КанаӀанахь а мацалла хӀоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хӀума доцуш бисира. 12 Мисарахь кӀа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кӀентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара. 13- 7:13 а: Доладалар 45:1; б: Доладалар 45:16. Уьш шолгӀа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирӀунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна. 14- 7:14 а: Доладалар 45:9, 10, 17, 18; б: Доладалар 46:27 (Грекийн). Цул тӀаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дӀакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара. 15- 7:15 а: Доладалар 46:1-7; б: Доладалар 49:33. Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира. 16- 7:16 Доладалар 23:3-16; 33:19; 50:7-13. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахӀима, дато ахча а делла, Хьамуран кӀенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.

17- 7:17, 18 Арадаккхар 1:7, 8. Дала ИбрахӀимна делла дош кхочушхуьлу хан тӀекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира. 18 Цул тӀаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дӀахӀоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара. 19- 7:19 а: Арадаккхар 1:10, 11; б: Арадаккхар 1:22. Иза вайн халкъ Ӏехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дӀатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама. 20- 7:20 Арадаккхар 2:2. Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хӀусамехь кхобуш вара. 21- 7:21 Арадаккхар 2:3-10. Юха иза дӀатесна витича, пирӀунан йоӀа, дӀа а ваьхьна, шен кӀант волуш санна кхиийра иза. 22 Мусана Мисарахь долу дерриг а Ӏилманаш Ӏамийра. Иза дашна а, гӀуллакхна а доьналла долуш вара.

23- 7:23-29 Арадаккхар 2:11-15. Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна. 24 Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гӀо а даьккхина, мисархо вийра. 25 Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргӀатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира. 26 ШолгӀачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гӀоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХӀунда лета шу вовшах?“ 27 Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьан хӀоттийна хьо? 28 Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гӀерта хьо?“ 29- 7:29 Арадаккхар 18:3, 4. И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цӀе йолчу махка дӀавахара. Цигахь, тӀевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кӀант а вира цунна цигахь.

30- 7:30-34 Арадаккхар 3:1-10. Шовзткъа шо даьлча, Синай цӀе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цӀергахь малик деара. 31 Муса чӀогӀа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тӀевахча, цунна Везачу Элан аз хезира: 32 „Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш. 33 Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дӀаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду. 34 Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргӀатбаха воьссина. ХӀинца дӀагӀо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“.

35- 7:35 Арадаккхар 2:14. Иза исраилхоша тӀе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хӀоттийна тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хӀинца хьаькам а, адам паргӀатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гӀуллакх. 36- 7:36 а: Арадаккхар 7:3; б: Арадаккхар 14:21; ц: Лелар 14:33. Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а. 37- 7:37 Карлабаьккхинарг 18:15, 18. И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“. 38- 7:38 Арадаккхар 19:1–20:17; Карлабаьккхинарг 5:1-33. Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.

39 Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгӀна, иза дӀа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира. 40- 7:40 Арадаккхар 32:1. Цара элира АхӀароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна“. 41- 7:41 Арадаккхар 32:2-6. Цара эсанан суьртехь цӀу+ 7:41 *ЦӀу *– тӀулгах, дечгах я кхечу хӀуманах дина, наха Дела ву бохуш, корта бетта сурт.* а вина, цунна сагӀа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гӀуллакхна деза де хӀоттийра. 42- 7:42, 43 Ӏамос 5:25-27 (Грекийн). И бахьана долуш Дела дӀавирзира царна тӀера, уьш стигаларчу седарчашна Ӏибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тӀехь яздина ма ду:

„Исраилан халкъ!

Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама,

дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!

43 Ахь Мулка-цӀунна лерина четар а,

хьайн Делан РамхӀаран седа а,

айхьа Ӏибадат динчу цӀуйн суьрташ а лелийра.

Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина,

Бавелал дехьа эккхор ду Ас“.

44- 7:44 Арадаккхар 25:9, 40. Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара. 45- 7:45 Якъуба 3:14-17. Вайн дайша ЮшаӀна тӀаьхьахӀиттина, тӀом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Ӏийна халкъаш дӀалаьхкира. Дауд паччахь хӀотталц цу махкахь дара и четар. 46- 7:46 Дауд 7:1-16; 1 Шерашкахь 17:1-14. Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тӀаьхьенна Далла лерина гӀишло ян. 47- 7:47 Сулим 6:1-38; 2 Шерашкахь 3:1-17. Амма Далла лерина цӀа Сулим-паччахьо дира. 48 Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цӀа чохь Ӏаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:

49- 7:49, 50 ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1, 2. „Стигал Сан Ӏарш ю,

ткъа латта Сан когийн кӀело ю.

ХӀун цӀа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло.

ХӀун меттиг хир яра Суна садаӀа?

50 И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“

51- 7:51 ЕшаӀ-ЯхӀу 63:10. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. 52 Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. 53 Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».

Тапа хӀаллаквар

54 И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгӀазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира. 55 Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агӀор лаьтта Ӏийса а гира. 56 «Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», – аьлла.

57 ТӀаккха вуьш, лергаш дӀа а къевлина, цӀогӀанашца, маьхьаршца цхьаьний тӀелетира цунна. 58 Иза такхийна гӀаланах ара а ваьккхина, цунна тӀулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тӀехулара бедарш Шаул цӀе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира. 59 Цара шена тӀулгаш деттачу хенахь, Тапас доӀа дира: «Ӏийса-Эла, дӀаэцахьа сан са!» 60 Цул тӀаьхьа, гора а воьжна, чӀогӀа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хӀара гӀуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.

8

1 Шаула къобалдора Тапин вер.

Шаула Ӏийсан мурдаш баланехь латтор

Цу дийнахь Ярушалаймехь Ӏийсах тешаш болчийн тобане бала хӀоттийра. ЯхӀуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дӀасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. 2 Тапа суьпачу наха дӀавоьллира, цунах доккха белхар а хӀоттош. 3- 8:3 Векалийн 22:4, 5; 26:9-11. Ткъа Шаул Ӏийсах тешаш болу нах хӀаллакбан волавелира. Цхьана цӀа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дӀа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо.

Пилапа Шамран-махкахь хьехам бар

4 Ткъа шайн меттера дӀалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь. 5 Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гӀала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара. 6 Массара а цуьнга дика ладугӀура. Цо деш долу тамашийна хӀуманаш а гора царна. 7 Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьӀапнаш а толора. 8 Цу гӀалахь болу нах чӀогӀа самукъадаьлла бара.

9 Цу гӀалахь Ӏаш, ШамӀа цӀе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара. 10 Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву». 11 Халкъо къаьсттина тидам тӀебахийтира цунна, хӀунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца. 12 Амма Делан олаллех а, Ӏийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гӀалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура. 13 ШамӀас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тӀаьхьа а хӀоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хӀуманех а, тамашийна гӀуллакхех а цецвуьйлуш.

14 Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тӀеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира. 15 Цу шиммо, схьа а веана, доӀа дира, и дош тӀеэцначарна Делан Са тӀелацар доьхуш. 16 ХӀунда аьлча царна тӀе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Ӏийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. 17 Кипас а, Яхьъяс а царна тӀехула куьйгаш лецира, тӀаккха Ӏийсах тешначарна Делан Са тӀеийцира.

18 Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамӀас цаьрга ахча кховдийра: 19 «Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тӀехула лаьцначунна Делан Са лур долуш».

20 Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хӀаллакьхуьлийла хьан ахча, хӀунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду. 21 Оха дечу кху гӀуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хӀунда аьлча хьан дог Далла хьалха цӀена дац. 22 Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна. 23 ХӀунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар».

24 ШамӀас дийхира тӀаккха: «Везачу Эле сох доӀа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама».

25 Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тӀаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош.

Пилап а, эфиопхо а

26 Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гӀаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Ӏази-гӀала боьдучу новкъа вала», – аьлла. 27 ТӀаккха Пилап дӀавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьӀна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цӀе йолчу зуда-паччахьан цӀийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхӀарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Ӏибадат дан а веана, 28 хӀинца цӀа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гӀудалкха а хиъна, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогӀура иза. 29 Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», – аьлла. 30 ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш.

«Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа.

31 «Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо. 32- 8:32, 33 ЕшаӀ-ЯхӀу 53:7, 8 (Грекийн). Жайни тӀехь цо доьшу дешнаш хӀорш дара:

«Урс хьакха буьгу уьстагӀ санна,

дӀавуьгуш вара Иза,

ша лоргучунна хьалха, Ӏахар санна, шена чуьра Ӏаь ца йолуьйтуш,

тийна Ӏара Иза.

33 Сийсазваьккхина вара Иза,

ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара.

Хьан дуьйцур дара Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна,

хӀинца Цуьнан дахар лаьттара дӀахьош хилча?»

34 ВаьӀначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?» 35 ТӀаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тӀера вола а велла, ваьӀначунна Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира. 36 Уьш схьабогӀуш хи тӀе кхечира.

«Хьажахьа, хӀара хи ду, – элира ваьӀначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?»+ 8:36 *Цхьадолу тӀаьхьарчу тептарш тӀехь 37-гӀа аят тӀетоьхна ду: *Пилапа элира цуьнга: «Даггара хьо тешахь, мегар ду хьуна». ВаьӀначо элира: «Со теша, Ӏийса, Дала леррина Къобалвинарг – Делан КӀант хилар».*

38 ВаьӀначо омра дира, гӀудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза. 39 Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цӀеххьана дӀаийцира, ваьӀначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дӀа а бира эфиопхочо. 40 Пилап цул тӀаьхьа Ашдод-гӀала нисвелира. Массо а гӀаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дӀакхаччалц.

9

Шаулан Ӏийсах тешар

(Векалийн 22:6-16; 26:12-18)

1 Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 2 Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.

3 Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4 Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»

5 «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула.

«Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6 ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».

7 Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 8 Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 9 Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура.

10 Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!»

ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла.

11 Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву. 12 Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта».

13 Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 14 Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».

15 Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 16 Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза».

17 Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».

18 Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 19 ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга.

Шаула Дамасакхехь хьехам бар

Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. 20 Шаул жуьгтийн гуламан цӀеношкахь хьехам бан волавелира, Ӏийса Делан КӀант ву бохуш.

21 Цуьнга ладоьгӀначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Ӏийсага кхойкхуш берш хӀаллакбан гӀерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тӀебига веана вац иза?»

22 Шаул нахана хьехам барехь тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.

23 Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен. 24 Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гӀалин кевнаш лардора иза верхьама. 25 Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гӀалин гонахарчу пена тӀехула тускар чохь чувоссийра иза.

Шаул Ярушалаймехь

26 Ярушалайме а веана, Ӏийсан мурдех дӀакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хӀара а Цуьнан мурд хиларх. 27 ТӀаккха Бар-Нааба векалшна тӀевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Ӏийсан олаллин цӀарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. 28 Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргӀат лелара Ярушалаймехь, Ӏийсан цӀарах майрра хьехам а беш. 29 Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хӀара вен барт хилира церан. 30 Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гӀала дӀавигира, ткъа цигара Тарс-гӀала дӀакхетийра.

31 ЯхӀуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Ӏийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гӀоьнца чӀагӀ а луш, алсамбовлуш бара Ӏийсах тешаш берш.

Енай туовар

32 Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо. 33 БархӀ шарахь меттахь Ӏиллина волу Енай цӀе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь. 34 Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас тово хьо. Хьала а гӀаттий, хьайн мотт дӀабаккха». Енай цу сохьта хьалагӀаьттира. 35 Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тӀебирзира.

Тавита денъялар

36 Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра. 37 Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цӀа чохь охьадиллира. 38 Лодди-юрт Яппи-гӀалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла. 39 Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цӀа чу вигира. Кипина гонах бисина Ӏаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хӀуманаш а гойтура цара. 40 Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хӀоьттина, доӀа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дӀа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагӀатта!» Зуда, бӀаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кӀегархиира. 41 Кипас, куьг а лаьцна, гӀо дира цунна когаш тӀе ирахӀотта. Юха Ӏийсах тешарш а, бисина Ӏаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дӀагайтира цо. 42 Цу хӀуманах лаьцна ерриг а Яппи-гӀалахь хиира, тӀаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира. 43 Кипас кхин а гӀеххьа хан яьккхира Яппи-гӀалахь. Иза цӀокаршна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь Ӏаш вара.

10

Кипа Корнил волчу вахар

1 Кхесрин-гӀалахь Ӏаш вара Корнил цӀе йолу цхьа стаг. Иза Италера полкан эпсар вара. 2 Иза ша а, цуьнан доьзал а суьпа а, Делах кхоьруш а нах бара. Цо мискачу нахана сагӀа а лора, гуттар а Деле доӀанаш а дора. 3 Цкъа цхьана дийнахь делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долуш Корнилна сурт хӀоьттира. Цунна дика къаьсташ Делан малик гира. ХӀара волчу а деана, малико элира: «Корнил!»

4 Кхеравелла, цуьнга дӀахьаьжира Корнил. «ХӀун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо.

Малико жоп делира: «Хьан доӀанашна а, сагӀанашна а Дала жоп делла. 5 Яппи-гӀала нах а бахийтий, шех Кипа олучу ШамӀе схьакхайкха. 6 ЦӀокарчашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь, хӀорда йистехь сецна хьуна иза». 7 Шеца къамел дина малик дӀадахча, Корнила шина ялхочуьнга а, ша куьйгалла дечу, Делах кхоьручу цхьана тӀемалочуьнга а схьакхайкхира. 8 Дерриге а хилларг а дийцина, уьш Яппи-гӀала бахийтира цо.

Кипина сурт хӀоттар

9 ШолгӀачу дийнахь бахийтинарш гӀалин йисте кхочуш, Кипа доӀа дан цӀийнан нийсачу тхов тӀе хьалавелира. 10 Мац а велла, яа хӀумане сатесира цо. Чохь болчара кхача кечбечу муьрехь шовкъ еара цунна. 11 Еллаелла стигал а, еа маьӀӀера дӀалаьцна, лаьтта охьайоуьйтуш йоккхачу шаршух тера йолу цхьа хӀума а гира цунна. 12 Цу шаршу юкъахь биъ ког болу тайп-тайпана дийнаташ а, текхаргаш а, олхазарш а дара. 13 Юха цхьана озо элира цуьнга: «Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш», – аьлла.

14 Амма Кипас элира: «Ма ала иза соьга, Веза Эла! Ас цкъа а ца йиъна хьарам йолу хӀума».

15 ТӀаккха озо кхин цкъа а элира: «Дала магийтина хӀума хьарам ма хета». 16 Иштта кхузза хилира, тӀаккха цу сохьта шаршу юха а стигала хьалаяьхьира.

17 Кипа ойла еш лаьттара, шена хӀоьттина сурт хӀун маьӀна долуш ду те бохуш. Цу хенахь Корнила бахкийтина нах, ШамӀин цӀенош а карийна, кевнна хьалха севцира. 18 Мохь а тоьхна, хаьттира цара: «Шех Кипа олу хьаша ШамӀа вуй кхузахь?» – аьлла.

19 Кипа, дӀа а хӀоьттина, шена гиначу суьртах ойла еш вара. ТӀаккха Делан Сино элира цуьнга: «ШамӀа, хьо лоьхуш кхо стаг ву. 20 Хьала а гӀаттий, лаха чувосса. Шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо, хӀунда аьлча уьш Ас бахкийтина бу».

21 Кипас, чу а воьссина, элира цу нахе: «Аша лоьхург со ву. ХӀунда даьхкина шу?» – аьлла.

22 Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цӀена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цӀа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогӀархьама». 23 ТӀаккха Кипас, уьш чу а кхайкхина, хьошалла дира царна.

Кипа Корнилан хӀусаме вогӀу

ШолгӀачу дийнахь Кипа а, Яппи-гӀалара кхин масех динан ваша а цу нахаца дӀавахара. 24 Кхин цхьа де даьлча, уьш Кхесрин-гӀала кхечира. Корнил цаьрга хьоьжуш Ӏаш вара, шен гергарчу нахе а, уллорачу доттагӀашка а кхайкхина. 25 Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира. 26 «ХьалагӀатта, – элира цуьнга Кипас, – со хьо санна адам ма ду». 27 Корнилаца къамел а деш, Кипа цӀа чу вахара. Чохь гулделла дуккха а адам дара. 28 Кипас элира цаьрга: «Шуна дика хаьа, жуьгтичунна кхечу къомах болчу нахаца къамел дан а, церан чу ваха а дихкина дуйла. Амма Дала элира соьга, ас цхьа а хьарам лара ца веза аьлла. 29 Цундела сайна тӀаьхьа нах бахкийтича, со, дуьхьало ца еш, схьавеана. ХӀинца пурба лойша шайга хатта: хӀунда кхайкхина аша соьга?»

30 Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира. 31 „Корнил, – элира цо, – Дала хьан доӀанашна а, мискачарна деллачу сагӀанашна а жоп делла. 32 Кипа олучу ШамӀе кхайкха нах бахийта. Иза хӀорда йистехь Ӏаш волчу цӀоканашна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь ву хьуна“. 33 Ас цу сохьта хьуна тӀаьхьа нах бахкийтира. Дика ду хьо веана. ХӀинца вай массо а Далла уллохь ду, хьоьга дерриге а Цо тхоьга схьаала тӀедиллинчуьнга ладогӀархьама».

34- 10:34 Карлабаьккхинарг 10:17. Кипа дийца волавелира: «ХӀинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. 35 Цо массо а къомах болу нах тӀеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! 36 Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ. 37 Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тӀаьхьа Назартара Ӏийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТӀаккха Ӏийса Галилайра дӀаволавелла, берриге а ЯхӀуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тӀехь долу нах тобеш а, хӀунда аьлча Цуьнца Дела вара. 39 Ӏийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина, 40 амма Дала веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвира. Ӏийса Делан лаамца нахана гучувелира. 41 Иза хӀоранна а гуш вацара, амма Дала къастийначу тхуна, тешашна, гира Иза. Оха Цуьнца даа а диира, мала а мелира Иза веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа. 42 Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла. 43 Цунах лаьцна массо а пайхамарша тоьшалла до Цунах тешачунна Цуьнан цӀарах къиношна гечдийриг хилар».

44 Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугӀучарна массарна а тӀе Делан Са доьссира. 45 Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тӀедоссарх, 46 хӀунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТӀаккха Кипас элира: 47 «Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тӀе а ма доьссина!» 48 Цо Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа хих чекхдахийта аьлла, тӀедожийра царна. Цул тӀаьхьа хӀусамдайша дийхира Кипига, шайца кхин а масех де даккха аьлла.

11

Кипас Ярушалаймерчу кхеташонехь дина къамел

1 Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш. 2 Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира. 3 «Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», – бохура цара. 4 ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа.

5 «Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, – дуьйцура цо, – шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна. 6 Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а. 7 Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, – аьлла. 8 Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, – аьлла. 9 Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“. 10 Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира.

11 Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара. 12 Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара. 13 Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу. 14 Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“.

15 Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира. 16- 11:16 Векалийн 1:5. ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. 17 Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»

18 Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».

Антиохера Ӏийсах тешачийн тоба

19- 11:19 Векалийн 8:1-4. Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. 20 Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. 21 Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира.

22 Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира. 23 ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. 24 Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.

25 Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама. 26 Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш».

27 Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара. 28- 11:28 Векалийн 21:10. Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) 29 Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан. 30 Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара.

12

Кипа лацар а, кӀелхьарваккхар а

1 Оццу хенахь ХӀарод-паччахь Ӏийсах тешачийн тобанна таӀзар дан волавелира, царах цхьаберш дӀа а лецийтира цо. 2 Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. 3 Жуьгташна и гӀуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дӀалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) 4- 12:4 Арадаккхар 12:1-27. Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тӀемалойн йиъ тоба хӀоттийра, хӀора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хӀотто дагахь вара ХӀарод. 5 Кипа набахтехь велахь а, Ӏийсах тешачийн тоба даггара цунах лаьцна Деле доӀанаш деш яра.

6 Кхана кхеле воккху аьллачу буса, шина а агӀор зӀенаш а тоьхна, шина тӀемалочунна юккъехь вижина Ӏуьллура Кипа. НеӀарехь лаьтташ гӀарол а дара. 7 ЦӀеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагӀатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тӀера зӀенаш охьаийгира. 8 Юха малико элира: «ТӀе хӀума а юха, кога мачаш а юха», – аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тӀе бедар а хьарчаяй, суна тӀаьхьахӀотта», – элира малико. 9 Кипа маликана тӀаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хӀоьттинарг цхьа сурт ду. 10 Уьш цхьана гӀаролах а, шолгӀачу гӀаролах а тӀех а бевлла, гӀала доьдучу аьчка кевнна тӀебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира.

11 Кипа меттавеача, цо элира: «ХӀинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХӀародан куьйгех а, жуьгташна луучу таӀзарх а со кӀелхьарваьккхинийла».

12 Дерригенах кхета а кхетта, Мареман цӀа долчухьа вахара Кипа. Марк аьлла цӀе йоккхучу Яхьъян нана яра и Марем. Цуьнан цӀа чохь дуккха а адам гулделлера доӀанаш дан. 13 Кипас ков тоьхча, Рода цӀе йолу ялхо дуьхьалъелира. 14 Цунна озах Кипа вевзира. Хазахетар совдаларна, ков дӀаделла йиц а елла, юха чуедира иза.

«Кипа кевнехь ву!» – элира цо.

15 «Хьо лартӀехь юй!» – бохура цуьнга.

Амма иза иштта ду бохура Родас.

«Иза Кипин малик ду», – аьлла, сацам бира цара.

16 Цу хенахь Кипа ков детташ вара. Эххар а ков дӀадиллича, иза ган а гина, чӀогӀа цецбевлира уьш. 17 Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дӀавахара иза.

18 ШолгӀачу Ӏуьйранна тӀемалой боьхна хьийзара, цхьанна а ца хаьара Кипех хилларг. 19 ХӀарода омра дира, массанхьа а иза лаха аьлла, амма лехарх гӀуллакх ца хилира. ТӀаккха цо, тӀемалошка барт а хаьттина, уьш байийтира.

ХӀародан кхалхар

Цул тӀаьхьа ХӀарода, ЯхӀуд-махкара Кхесрин-гӀала а вахана, цигахь жимма хан яьккхира. 20 ХӀарод Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахаца барт ийгӀина вара. И нах цуьнга шаьш тӀеэцийта лууш бара. Паччахьан цӀентӀехь куьйгалхо волу Балсат цӀе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гӀоьнна. Цу наха машар бийхира, хӀунда аьлча ХӀародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хӀума. 21 Билгалдаьккхинчу дийнахь паччахьан духар а дуьйхина, паччахьан гӀанта тӀе а хиина, нахе вистхилира ХӀарод. 22 Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. 23 Амма ХӀарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НӀаьнаша ваарна, хӀаллакьхилира иза.

24 Цу хенахь Делах долу Дош дӀасадаьржаш дара. 25 Шайна тӀедиллина гӀуллакх Ярушалаймехь чекх а даьккхина, вухавеара Бар-Нааб а, Шаул а. Марк аьлла кхин а цӀе йоккхуш волу Яхьъя а валийра цара шайца.

13

Бар-Нааб а, Шаул а Далла гӀуллакх дан вахийтар

1 Антиохехь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Ӏелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Ӏаьржаниг олу ШамӀа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХӀародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. 2 Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла.

3 Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.

Векалша Кипрехь хьехам бо

4 Делан Сино вахийтина и ши векал Селевке кхечира, ткъа цигара хӀордкеманца Кипре дехьавелира. 5 Салам-гӀала схьа а баьхкина, цигахь жуьгтийн гуламан цӀеношкахь Делан Дош хьоьхура цара. Царна гӀо деш Яхьъя а вара цаьрца.

6 Ерриг а гӀайре тӀехула чекх а бевлла, ПатӀосе баьхкира уьш. Цигахь царна карийра жуьгтийн бозбунча а, харц шайх а волу Бар-ЮшаӀ. Цуьнан кхин а, Хьалом олий, цӀе йоккхура. 7 Римхойн проконсул Серги ПахӀал волчохь гӀуллакх деш вара иза. Проконсул хьекъал долуш стаг вара, шена Делан Дош хаза лаарна цо Бар-Наабе а, Шауле а схьакхайкхийтира. 8 Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза. 9 ТӀаккха Делан Синах вуьзна волчу Шаула (цуьнан, ПахӀал олий, кхин цӀе а йоккхура), нийсса Хьаломе дӀа а хьаьжна, элира: 10 «Иблисан кӀант а, нийса долчун мостагӀа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кӀордор дац те хьуна цкъа а? 11 Везачу Элан ницкъ хьуна дуьхьал бу, цундела бӀаьрса а дайна, цхьана билггалчу ханна малхан серло ца гуш хир ву хьо».

Цу сохьта бода буьйлира Хьаломна гонах. ДӀа а, схьа а тохавелира иза, куьг а лаьцна, ша дӀавигийта цхьаъ лоьхуш. 12 И хилларг а гина, Везачу Элах болчу хьехамах цецваьлла, Ӏийсах тийшира проконсул.

Писидийн Антиохехь

13 ПатӀосера ПахӀал а, цуьнан накъостий а Пампили-махкахь йолчу Перги-гӀала бахара хӀордахула. Уьш цигахь а битина, Ярушалайме юхавеара Яхьъя. 14 Пергера дӀа уьш писидийн Антиохе бахара. Шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийне а баьхкина, охьахевшира уьш. 15 Товрат а, пайхамарша яздинарш а дешначул тӀаьхьа гуламан цӀийнан хьаькамаша кхарна тӀе хабар даийтира: «Вежарий, нагахь нахана пайденна хин долу хӀума ала шун делахь, ала шайна», – аьлла. 16 ПахӀала, хьала а гӀаьттина, куьйган эшарца нехан гӀовгӀанаш а совцийна, элира:

«Исраилхой а, Далла Ӏибадат деш болу хийрачу мехкашкара нах а, ладогӀалаш соьга! 17- 13:17 а: Арадаккхар 1:7; б: Арадаккхар 12:51. Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна. 18- 13:18 Лелар 14:34; Карлабаьккхинарг 1:31. Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала. 19- 13:19 а: Карлабаьккхинарг 7:1; б: ЮшаӀ 14:1. КанаӀанехь, ворхӀ халкъ хӀаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо. 20- 13:20 а: Куьйгалхой 2:16; б: Шамъал 3:20. И дерриг а хилла диъ бӀе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тӀаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вллалц Дала кхелахой белла царна. 21- 13:21 а: Шамъал 8:5; б: Шамъал 10:21. Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Къушин кӀант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина. 22- 13:22 а: Шамъал 13:14; б: Шамъал 16:12; Забур 88:21. Цул тӀаьхьа Шаул дӀа а ваьккхина, Дала Дауд хӀоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кӀант карийна, и стаг Сан даго тӀелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гӀуллакхаш“. 23 Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тӀаьхьенах волу Ӏийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. 24- 13:24 Марк 1:4; Лака 3:3. Ӏийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. 25- 13:25 а: Яхьъя 1:20; б: Маттай 3:11; Марк 1:7; Лака 3:16; Яхьъя 1:27. Шена тӀедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хӀан-хӀа, Иза сол тӀаьхьа вогӀур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац“.

26 Вежарий, ИбрахӀиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кӀелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! 27 Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. 28- 13:28 Маттай 27:22, 23; Марк 15:13, 14; Лака 23:21-23; Яхьъя 19:15. Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийра царна, амма Пулатера бакъо йийхира цара Иза хӀаллаквайта. 29- 13:29 Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Лака 23:50-56; Яхьъя 19:38-42. Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жӀарах дӀатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара. 30 Амма Дала веллачуьра денвира Иза. 31- 13:31 Векалийн 1:3. Кхин а дуккха а деношкахь Цуьнца Галилайра Ярушалайме баьхкинчарна гира Иза. Уьш хӀинца Цуьнан тешаш бу вайн халкъана хьалха. 32 Дала вайн дайшна дийр ду аьлла дикачух хаза кхаъ кхайкхош бу оха хӀинца. 33- 13:33 Забур 2:7. Ӏийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду:

„Хьо Сан кӀант ву,

тахана Хьан Да хили Сох“.

34- 13:34 ЕшаӀ-ЯхӀу 55:3 (Грекийн). Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегӀана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца:

„Даудана ваӀда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“.

35- 13:35 Забур 15:10. Кхечу меттехь яздина ду:

„Ахьа Хьайна тешаме Волчунна вахкавалар гойтур дац“.

36 Амма Делан лаам кхочушбеш гӀуллакх дина волчу Даудан дегӀ кхелхинчул тӀаьхьа телхина дӀаделира. Иза шен дайшна уллохь дӀавоьллина вара. 37 Ткъа Дала веллачуьра Денвиначунна дегӀан талхар ца гайтира! 38 Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХӀора Ӏийсах тешаш верг массо а хӀуманна тӀехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. 40 Хьовсалаш, шайца, пайхамарша ма-аллара, ца хилийта:

41- 13:41 Хьабукъа 1:5 (Грекийн). „Хьовсал, кхаьрдаш дерш!

Шу, цец а девлла, лийр ду.

Аса шун деношкахь шайна дийцича а,

цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду“».

42 ПахӀале а, Бар-Наабе а гуламан цӀийнера и шиъ дӀавоьдуш, дийхира, тӀедогӀучу шоьтан дийнахь хӀинца дийцинчух лаций дийца юха а вола аьлла. 43 Гулам дӀабирзира, амма дуккха а жуьгтий а, жуьгтийн дин тӀеэцна Далла Ӏибадат деш болу нах а ПахӀалний, Бар-Наабаний тӀаьхьабахара. Цу шиммо къамел дора цаьрца, Делан ниӀматехь хила бохуш, тешабора.

44 Вукху шоьтан дийнахь ерриг аьлла гӀала гулъелира Везачу Элан даше ладогӀа. 45 Цига мел адам деана гича, хьогӀах буьзира жуьгтий. ПахӀала дуьйцург емалдора цара оьзда доцучу хабарца. 46 ТӀаккха ПахӀала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тӀе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. 47- 13:47 ЕшаӀ-ЯхӀу 42:6; 49:6. И тӀедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла:

„Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина,

Хьоьгахула дуьненан массо а маьӀӀе кӀелхьардовлар кхачийта“».

48 И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Ӏийсах тийшира.

49 Везачу Элан дош цу меттехула дӀасадаьржаш дара. 50 Амма жуьгташа, Далла гӀуллакх деш болу, лоруш болу зударий а, гӀалара хьалхара нах а хьала а гӀовттийна, ПахӀал а, Бар-Нааб а шаьш долчу махкара эккхавайтира. 51- 13:51 Маттай 10:14; Марк 6:11; Лака 9:5; 10:11. Цу гӀалара бахархошна дуьхьал хиларан тоьшаллина шайн когаш тӀера чан дӀа а егийна, векалш Иконе бахара. 52 Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара.

14

Икони-гӀалахь

1 Иконехь ПахӀал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цӀа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Ӏийсах тийшира. 2 Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Ӏийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. 3 ПахӀала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чӀагӀбора Везачу Эло. 4 ГӀалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа.

5 Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тӀулгаш детта. 6 Иза хаа а хиъна, гӀалара дӀабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цӀе йолчу гӀаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. 7 Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара.

Листар-гӀалахь

8 Листарехь Ӏаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дӀа а волавалаза. 9 Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. 10 «Когаш тӀе хьалагӀатта!» – элира цо заьӀапчуьнга. И стаг, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. 11 ПахӀала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хӀиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. 12 Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахӀалах ХӀерми элира, хӀунда аьлча цо къамел алсамо дора. 13 Зевс цӀе йолчу цӀунна лерина цӀа дара гӀаланал арахьа. Цу цӀа чохь гӀуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гӀалин кевне, нахаца векалшна лерина сагӀа даккхархьама.

14 И шайна хезча, тӀера хӀуманаш а этӀош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахӀала а: 15- 14:15 Арадаккхар 20:11; Забур 146:6. «ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама. 16 Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, 17 амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». 18 И дешнаш аьлча а, кхарна тӀера сагӀа даккха гӀерташ болу нах халла совцабелира векалшка.

19 Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара. 20 Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахӀал, хьала а гӀаьттина, гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дӀавахара иза.

Сири-махкахь йолчу Антиохе векалш юхабахкар

21 Цу гӀалахь хаза кхаъ а кхайкхийна, дуккха а мурдаш карийра царна. Цул тӀаьхьа векалш Листаре а, Иконе а, Антиохе а юхабаьхкира. 22 Цигахь, мурдаш дегнашца чӀагӀбеш, шайн тешарехь чӀогӀа хила бохуш, Ӏамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара. 23 Ӏийсах тешачийн хӀора тобанехь тхьамданаш а хӀиттийна, марханаш а кхобуш, доӀанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша.

24 Цул тӀаьхьа, Писида-гӀалех чекх а бевлла, Пампили-махка баьхкира уьш. 25 Перга-гӀалахь хьехам чекх а баьккхина, Аттали-гӀала бахара векалш. 26 Ткъа Атталера хӀордкеманца уьш Антиохе дӀабахара. Цигахь Делан кара белла бара уьш, шайна тӀедиллина гӀуллакх дархьама. И гӀуллакх цара хӀинца кхочуш а дира.

27 Юха а баьхкина, Ӏийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неӀ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. 28 Уьш цигахь мурдашца еххачу хенахь Ӏийра.

15

Ярушалаймехь хилла кхеташо

1- 15:1 Ӏамалъяр 12:3. ЯхӀуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Ӏедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кӀелхьардевр дац».

2 Цу тӀехула цхьана агӀор оцу нехан а, вукху агӀор ПахӀалан а, Бар-Наабан а чӀогӀа къовсам белира. ПахӀал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гӀуллакх векалшца а, Ӏийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. 3 Ӏийсах тешачийн тобано и гӀуллакх тӀе а диллина, дӀабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тӀеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Ӏийсах тешачунна хазахетар дахьара. 4 Ярушалайме кхаьчча, Ӏийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тӀеийцира уьш. ПахӀала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. 5 Парушхошна юкъахь болчу Ӏийсах тешачу наха, хьала а гӀевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тӀедиллина декхарш кхочушде ала а деза».

6 Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. 7- 15:7 Векалийн 10:1-43. Дуккха а дийцинчул тӀаьхьа Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Ӏийсах тешийтархьама. 8- 15:8 Векалийн 10:44; Векалийн 2:4. Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тӀеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. 9 Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хӀунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. 10 Ткъа хӀинца хӀунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьӀнаш тӀе а биллина? 11 Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Ӏийсас къинхетам бар бахьанехь вай кӀелхьардевр хиларх».

12 ТӀаккха массо а, дӀа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахӀалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хӀуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугӀуш вара. 13 Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогӀалаш соьга. 14 ШамӀа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гӀайгӀа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. 15 Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хӀокху дешнашца:

16- 15:16-18 Ӏамос 9:11, 12 (Грекийн). „Цул тӀаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду.

Цуьнан саьлнаш метта а хӀиттийна, ирахӀоттор ду иза,

17 кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а,

Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а.

Иштта боху и дерриге а хӀуманаш абадехь дуьйна дӀахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.

19 Цундела суна хета, Далла тӀе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. 20- 15:20 а: Арадаккхар 34:15-17; б: Ӏамалъяр 18:6-23; ц: Ӏамалъяр 17:10-16. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а. 21 Муса-пайхамаро тӀедиллинарг массо а гӀалахь хӀора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хӀора гуламан цӀийнахь хьоьхуш ма ду».

Кхеташоно хийрачу мехкашкарчу вежаршка яздина кехат

22 Векалийн а, тхьамданийн а Ӏийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахӀалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цӀе йоккху ЯхӀуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. 23 Цаьргахула хӀара чулацам болу кехат дахьийтира цара:

«Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а.

Антиохера а, Сирера а, Киликера Ӏийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе.

Маршалла ду шуьга!

24 Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дӀакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. 25 Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахӀалца а шу долчу дӀабахкийта. 26 Вайн Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хӀиттийна нах бу уьш. 27 Хаьржина волу ЯхӀуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тӀечӀагӀдайта. 28 Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хӀара тӀедиллинарг доцург: 29 ЦӀушна сагӀина еана хӀума ца яар, цӀийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар.

И дерриге а кхочушдахь, аша дика гӀуллакх дийр ду.

Марша Ӏойла шу!»

30 Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Ӏийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дӀаделира цара. 31 И дешча, дегнаш иракарахӀитточу цу хаамах самукъадаьлла бара нах. 32 ЯхӀуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чӀагӀдеш, иракарахӀиттош бара уьш. 33 Цара жимма хан яьккхира цигахь. Цул тӀаьхьа динан вежарша, декъал а бина, диканиг хилар лаарца векалш болчу дӀахьовсийра уьш+ 15:33 *Цхьадолчу тептарш тӀехь 34-гӀа аят тӀетоьхна ду: *Амма Салина цигахь саца лиира, ткъа ЯхӀуд Ярушалайме юхавеара.*.

35 ПахӀал а, Бар-Нааб а Антиохехь сецира. Цигахь цара а, цаьрца болчу дуккха а кхечара а Везачу Элах долу дош хьоьхура.

ПахӀална а, Бар-Наабана а юкъара къовсам

36 Цул тӀаьхьа жимма хан яьлча, ПахӀала элира Бар-Наабе: «Вай Везачу Элах долу дош кхайкхийначу массо а гӀала а гӀой, динан вежарий муха Ӏаш бу хьовсий», – аьлла. 37 Бар-Наабана шеца, Марк олий, кхин цӀе йоккхуш волу Яхьъя схьаэца лиира. 38- 15:38 Векалийн 13:13. Амма ПахӀал реза вацара, шаьш Пампилехь Ӏадда а дитина, болх чекхбаккхалц ца Ӏийна волу стаг шайца схьаэца. 39 Цу тӀехула царна юкъахь баьлла къовсам бахьанехь дӀасакъаьстира и шиъ. Бар-Нааб, шеца Марк а эцна, хӀордкеманца Кипре вахара. 40 Ткъа ПахӀала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. 41 Сири-махка а, Килик-махка а вахара иза. Цигахь цо Ӏийсах тешачийн тобанаш чӀагӀйора.

16

Тимапи ПахӀалах а, Салих а дӀакхетар

1 ПахӀал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Тимапи цӀе а йолуш. Цуьнан нана Ӏийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. 2 Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. 3 Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахӀала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Ӏаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хӀунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. 4 ГӀалара гӀала а воьдуш, ПахӀала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тӀедиллинарг дӀахоуьйтура. 5 Цу гӀуллакхо Ӏийсах тешачийн тобанаш иракарахӀиттайора, церан тешар чӀагӀдора, денна а и тобанаш стамлора, Ӏийсах тешнарш алсамбовлуш.

ПахӀална, сурт хӀоьттича, Македонера стаг го

6 Делан Сино бакъо ца елира ПахӀалгӀарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара. 7 Миси-мехкан дозанна тӀекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Ӏийсан Сино ца магийра царна иза. 8 ТӀаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гӀала баьхкира. 9 Буьйсанна, сурт а хӀоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахӀална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гӀо дехьа», – аьлла. 10 И сурт хӀоьттинчул тӀаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.

Пилап-гӀалара Лидия Далла тӀе ерзар

11 Троя-гӀалара тхо нийсса Самотраке дӀакхечира, ткъа цигара шолгӀачу дийнахь грекийн Неаполе дахара. 12 Неаполера дӀа тхан некъ римхой Ӏаш болчу Македон-мехкан коьртачу гӀала Пилапе бара. Цу гӀалахь оха масех де даьккхира. 13 Шоьтан дийнахь, гӀалин кевнах ара а девлла, хи тӀе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доӀане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо. 14 Царна юкъахь Тхьайтир-гӀалара еана, Лидия цӀе йолуш цхьа зуда яра. Иза цӀен деза кӀадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахӀале ладоьгӀучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахӀала дуьйцучух тешийтархьама. 15 Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара.

Пилап-гӀалахь ПахӀал а, Сали а дӀалоцу

16 Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш. 17 ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» – бохуш. 18 Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!»

Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира. 19 ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра. 20 Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац. 21 Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац». 22 Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира. 23 ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла. 24 И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.

25 Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара. 26 ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира. 27 Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. 28 Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла.

29 «Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза. 30 И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» – аьлла.

31 «Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу». 32 ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а. 33 Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира. 34 Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.

35 Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», – аьлла.

36 Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!»

37 Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой+ 16:37 *Риман вахархо *– Рим-пачхьалкхо схьабаьхначу мехкашкахь массарна а луш яцара и цӀе. И цӀе я ахча делла, я дегара тӀаьхьене луш яра. Цу цӀаро дуккха а бакъонаш лора иза йолчунна.* доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».

38 Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира. 39 Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина. 40 Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.

17

Тассалник-гӀалахь адам карзахдалар

1 Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара. 2 Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала. 3 Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала. 4 Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь.

5 Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира.

Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш. 6 ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи, 7 Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху». 8 Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера. 9 Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт+ 17:9 *Я иштта: *дош.* а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.

Векалш Берия-гӀалахь

10 Динан вежарша ПахӀал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гӀала дӀавахийтира. Цига дӀа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цӀийне бахара. 11 Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тӀеэца. Цара боккхачу лаамца тӀеийцира дош. Делан Йозанаш а Ӏамадора цара, денна а ПахӀала дуьйцург бакъ дуй хаархьама. 12 Ӏийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а. 13 Тассалник-гӀалахь болчу жуьгташна Берия-гӀалахь ПахӀала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш. 14 ТӀаккха динан вежарша ПахӀал сихонца хӀордан йисте дӀавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира. 15 ПахӀал новкъа воккхучара иза Атина-гӀала дӀавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш.

ПахӀал Атинехь

16 Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахӀал, хӀунда аьлча гӀала юьззина цӀуш бара цунна гуш. 17 Жуьгтийн гуламан цӀа чохь жуьгташца а, Далла Ӏибадат дечу грекашца а, тӀаккха хӀора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо. 18 Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цӀе йоккхучу цхьаболчу Ӏилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХӀара хабарча хӀун ала гӀерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахӀала Ӏийсах а, веллачуьра денваларх + 17:18 *Веллачуьра денваларх *– Грекийн маттахь «веллачуьра денвалар» олу дешнаш «зуда-дела» аьлла, кхета там бу.* а лаьцна дийцар. 19 Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хӀума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла. 20 «ХӀунда аьлча цхьа тамашийна хӀума ду тхуна хезнарг, цундела иза хӀун ду хаа лаьара тхуна?» 21 (Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)

22 Кхеташонна юккъе а хӀоьттина, ПахӀала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй, 23 хӀунда аьлча шун гӀалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тӀехь сагӀа доккху тӀулг. Цу тӀехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Ӏибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург. 24- 17:24, 25 Сулим 8:27; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:5; Векалийн 7:48. Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац. 25 Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а. 26 Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна, 27 цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац). 28 ХӀунда аьлча

„Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Ӏаш а ду“.

Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла:

„Тхо Цуьнан бераш ду“.

29 Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тӀулгах, я деших, я детих тера ву. 30 ХӀума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хӀинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тӀедерза аьлла, омра до Цо. 31 ХӀунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина».

32 Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хӀиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тӀаккхахула ладогӀа луур ду тхуна». 33 ПахӀал царна юкъара дӀавахара. 34 Цхьаберш, цунна тӀаьхьа а хӀиттина, Ӏийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цӀе йолу зуда а, кхиберш а.

18

ПахӀал Коринт-гӀалахь

1 Цул тӀаьхьа ПахӀал Атина-гӀалара дӀа а вахана, Коринт-гӀала веара. 2 Цигахь цунна карийра Ӏакхила цӀе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Ӏакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскӀилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хӀунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гӀалара дӀагӀо аьллера. ПахӀал Ӏакхилий, Парскилий ган веара. 3 Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира. 4 ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ.

5 Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш. 6 Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». 7 Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара. 8 Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.

9 Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе! 10 ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла. 11 Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш.

12 Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахӀал, схьа а лаьцна, цунна тӀе кхеле валийра. Цара бохура: 13 «ХӀокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гӀуллакх вайн Ӏедалца догӀуш дац».

14 ПахӀал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогӀа. 15 Амма дерриг а гӀуллакх дешнашца а, цӀерашца а, шун Ӏедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гӀуллакха тӀехь кхелахо хила ца лаьа». 16 Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра. 17 ТӀаккха цара, гуламан цӀийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цӀийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.

ПахӀал Антиохе юхавар

18- 18:18 Лелар 6:18. Цигахь дуккха а деношкахь Ӏийна, Сири вахара ПахӀал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскӀилат а, Ӏакхила а дара цуьнца. Кенахари цӀе йолчу меттехь шен месаш дӀалергира цо, ша Далла хьалха дина ваӀда кхочушдар билгалонна. 19 Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. 20 Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира. 21 Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.

22 ХӀордан йистехь йолчу Кхесрин-гӀала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахӀал. Цигара Ӏийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. 23 Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидӀа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гӀалара вукху гӀала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Ӏийсах тешарехь чӀагӀ а беш.

Апа-Леса

24 Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза. 25 Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь. 26 Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. 27 Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна. 28 Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.

19

ПахӀал Эпас-гӀалахь

1 Апа-Леса Коринтехь волчу хенахь, ломан некъашкахула чекх а ваьлла, Эпас-гӀала веара ПахӀал. Цигахь масех мурд а карийна, 2 цо хаьттира: «Шаьш Ӏийсах тешначу хенахь Делан Са тӀеийцирий аша?» – аьлла.

Цара элира цуьнга: «Тхуна-м ца хезна Делан Са адамашна тӀедуссу бохуш».

3 «ТӀаккха хих чекхдовлар муьлхачу тайпана хилла шун?» – аьлла, хаьттира цо.

«Яхьъяс Ӏама ма-дарра хилла-кх», – аьлла, жоп делира цара.

4- 19:4 Маттай 3:11; Марк 1:4, 7, 8; Лака 3:4, 16; Яхьъя 1:26, 27. Юха ПахӀала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тӀевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТӀаьхьавогӀучух тешаре, ма-дарра аьлча, Ӏийсах тешаре».

5 И шайна хезча, цара шаьш Везачу Элан Ӏийсан дола довлуш, хих чекхдахийтира. 6 ПахӀала тӀе куьйгаш а дехкина, царна тӀе Делан Са доьссича, уьш тайп-тайпана тамашийна меттанаш дийца а, Делера болу хаам бан а хӀиттира. 7 Уьш верриг а шийтта гергга стаг вара.

8 ПахӀала жуьгтийн гуламан цӀийне а веана, кхаа баттахь, ца кхоьрруш, хьеха а хьийхира, къийса а къийсира, жуьгтий ша Делан Олаллех лаьцна дуьйцург бакъ хиларх тешо гӀерташ. 9 Амма царах цхьаберш, дар а белла, Ӏийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахӀал уьш болчуьра дӀавахара, шеца Ӏийсан мурдаш а эцна. Цо хӀора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цӀийнехь. 10 Иштта шина шарахь хилира, цундела Асиа-махкахь бехачу берриг а жуьгташна а, грекашна а Везачу Элах долу дош хезнера.

Динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀант

11 Дала ПахӀалан куьйгашца инзаре хӀуманаш дора. 12 Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дӀа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тӀейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.

13 ГӀалара гӀала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тӀехӀиттича, Везачу Элан Ӏийсан цӀе йоккхуш хуьлура: «ПахӀала Шех лаьцна дуьйцучу Ӏийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. 14 Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхӀ кӀанта а.

15 Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Ӏийса а къобалво, ПахӀал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла.

16 И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хӀуманаш, этӀош, дӀа а кхийсина, царна тӀехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цӀа чуьра аралилхира вежарий. 17 И хилларг Эпас-гӀалахь бехачу массо а жуьгташна а, грекашна а хиира. Уьш чӀогӀа кхерабеллера. Везачу Элан Ӏийсан цӀе кхин а сов лорура цара. 18 Дуккха а Ӏийсах тешнарш богӀура шайгара девллачу къинойх лаьцна дийца а, даре дан а. 19 Ткъа бозбунчалла лелийначу дуккха а наха, шайн тептарш гул а дина, массарна а хьалха дагийра. Церан мах лерича, иза бара шовзткъе итт эзар драхма цӀе йолу дато ахча. 20 И тамашийна хиламаш бахьана долуш Везачу Элах долу дош шуьйра даьржаш а, нуьцкъала хуьлуш а дара.

Эпас-гӀала карзахъялар

21 И хӀума хиллачул тӀаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахӀала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. 22 Цо шен накъостех шиъ, Тимапи а, Арсати а, Македоне вахийтира, ткъа ша Асиахь сецира.

23 Оцу муьрехь Везачу Элан некъана дуьхьал дуккха а адамийн карзахдовлар хилира. 24 Дамарти цӀе а йолуш, цхьа дато пхьар вара Ӏаш. Цо детих Артеми цӀе йолчу цӀунна лерина кегийра цӀенош дора. Цо а, цуьнан накъосташа а бечу балхо царна дуккха а пайда хуьлуьйтура. 25 Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. 26 Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахӀала хӀокху Эпас-гӀалахь хилла ца Ӏаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. 27 Вайна хӀоьттина болу кхерам, хӀара вай беш болу болх нахана дош ца хетар хилла ца Ӏа. Вайн сийлахьчу зуда-делан Артемин цӀа хӀумма а доцург хир ду, ткъа цуьнан шен а, ерриг а Асиа-махко а, дуьнено а лоруш йолчу, сийлалла довр ду».

28 И къамел а хезна, оьгӀазбахана уьш маьхьарий хьекха хӀиттира: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш. 29 Ерриг а гӀала карзахъелира. Адамаш гӀалахь нах гуллучу метте – театре дӀахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахӀалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. 30 ПахӀал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. 31 Цу хенахь Эпас-гӀалахь Ӏаш болчу кхуьнан доттагӀаша, Асиин маьӀ-маьӀӀерачу меттигашкара куьйгалхоша шайн хьадалчаш бахкийтира нах гулбеллачу ма гӀахьара аьлла. 32 Цу хенахь вовшахкхетта нах боьхна бара. Цхьаболчара, цхьаъ бохуш, маьхьарий деттара, вукхара – важа, ткъа дукхахболчарна шаьш хӀунда гулделла а ца хаьара. 33 Жуьгташа аларца нахана юкъара Искандар цӀе йолу цхьа стаг схьаваьккхира. Иза, куьг а айина, адамийн гӀовгӀа сацо гӀоьртира, дерг дийцархьама. 34 Амма иза жуьгти вуй хиъча, наха цхьабосса маьхьарий хьаькхира. Шина сахьтехь гергга диттира цара маьхьарий: «Сийлахь ю Эпасера Артеми!» – бохуш.

35 ГӀалара йозанчас дӀатедира адам: «Эпасера нах! Дуьнен чохь хьанна ца хаьа, Эпас-гӀала сийлахьчу Артемин цӀа а, стигалара охьабоьжна, беза лоруш болу тӀулг а ларбеш юйла? 36 Цуьнан шеко йоцу дела шу синтеме а, сих ца луш а хила деза. 37 Аша кхуза хӀара ши стаг валийна, амма кхара вайн Артемин цӀа чуьра хӀумма а ца лачкъийна, я цунна лен а ца лийна хӀорш. 38 Нагахь санна Дамарти а, цуьнца болу кхин пхьераш а цхьаъ бехке хеташ белахь, царна кхел а ю, кхелахой а бу: вовшашка кхеле кхайкха, шайна лаахь. 39 Нагахь санна шун кхин ала а, хатта а хӀума делахь, иза вай чӀагӀбинчу гуламехь къастор ду. 40 Тахана хиллачу хӀокху гӀовгӀанашна вай бехке дарна кхерам бу. Цхьа а бахьана дац хӀара хилларг нийса дара ала». Иза а аьлла, цо адам дӀадахийтира.

20

ПахӀал Македонийн махкахь а, Грекийн махкахь а

1 Адамийн карзахдийларш дӀасевцча, Ӏийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахӀоттош къамел а дина, церан Ӏодика а йина, Македоне дӀавахара ПахӀал. 2 Ша воьдучу новкъахь нахана тӀекхаьч-кхаьчначохь Ӏийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара. 3 Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дӀаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха. 4 Цуьнца бара накъостий: Берия-гӀалара Пирран кӀант Сопатар а, Тассалник-гӀалара Арестах а, Секант а, Дерби-гӀалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихӀак а, ТрахӀим а. 5 Уьш, хьалххе дӀа а бахана, Троя-гӀалахь тхоьга хьоьжуш Ӏаш бара. 6 Пилап-гӀалара хӀордкеманца дӀадахара тхо+ 20:6 *Тхо *– кхидӀа дуьйцуш яздархо дакъалоцуш ву, цундела дийцар хьалхарчу юьхьера ду.*, совсазчу баьпкан деза денош дӀадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гӀалахь царах дӀа а кхетта, цигахь кӀира даьккхира оха.

ПахӀала Троя-гӀалин Ӏодика йо

7 КӀийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахӀала къамел дира тхоьца. ШолгӀачу дийнахь дӀаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Ӏийра хьехамаш беш. 8 Лакха тӀехь, тхо гулделлачу цӀа чохь, дуккха а къуьданаш яра. 9 ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра. 10 Чувоьссинчу ПахӀала, тӀе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла. 11 Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хӀума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Ӏийна, дӀавахара иза. 12 Денвелла волу жима стаг цӀа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира.

Троя-гӀалара Милет-гӀала дахар

13 Тхо хӀордкеманца Асс-гӀала дахара, цигара ПахӀал схьаэцархьама. ГӀаш цига ваха ойла йолчу цо, и гӀуллакх иштта кхочушде аьлла, тӀедиллинера тхуна. 14 Асс-гӀалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тӀе хьала а ваьккхина, Митилена-гӀала дӀадахара тхо. 15 ШолгӀачу дийнахь цигара дӀа а дахана, Хиос-гӀайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгӀачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гӀайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гӀала кхечира. 16 Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гӀалина чу а ца воьрзуш, тӀехвала сацам хилира ПахӀалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуӀот цӀе йолу ялта чудерзоран деза де тӀекхачале Ярушалайме кхача.

Эпас-гӀалара Ӏийсах тешачийн куьйгалхойн Ӏодика яр

17 Милет-гӀалара Эпас-гӀала нах бахийтира ПахӀала цигарчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха. 18 Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга:

«Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Ӏийна хаьа шуна. 19 Даггара Везачу Элана гӀуллакх дина ас, Цунна муьтӀахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тӀебеача, бӀаьрхиш а Ӏенош. 20 Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цӀенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. 21 Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга. 22 Ткъа хӀинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хӀун догӀу а ца хаьа суна. 23 Цхьа хӀума хаьа суна, хӀора гӀалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна. 24- 20:24 2 Тимапига 4:7. Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.

25 Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цӀа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац. 26 Цундела ас тахана дӀахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кӀелхьара ца валахь, 27 хӀунда аьлча, шеко а йоцуш, хӀумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна. 28 Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе. 29 Суна хаьа, со шуна юкъара дӀавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. 30 Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Ӏийсан мурдаш шайна тӀаьхьа хӀитторхьама. 31 Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде.

32 ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега. 33 Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. 34 Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хӀара куьйгаш дуйла. 35 Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“».

36 Иза а аьлла, горахӀоьттина, массаьрца а доӀа дира цо. 37 Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш. 38 Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тӀаьхьа цара иза хӀордкеманна тӀе дӀакхетийра.

21

ПахӀал Ярушалайме воьду

1 Царах дӀа а къаьстина, тхо нийсса Кос-гӀайре тӀе дахара. ШолгӀачу дийнахь Родос-гӀайре тӀе кхечира, ткъа цигара Патару-гӀала дахара. 2 Тхуна Пиника-махка доьдуш долу хӀордкема карийра. Цу тӀе а девлла, дӀадахара тхо. 3 Къилбаседехула Кипр-гӀайрена тӀех а девлла, тхо Сири-махка дахара. Цигахь Цора-гӀалахь севцира, хӀунда аьлча хӀордкема дассо дезаш дара. 4 Цу гӀалахь Ӏийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кӀира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахӀале, Ярушалайме ма гӀахьара аьлла. 5 Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дӀа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гӀалара новкъа дехира. ХӀордан йистехь, гора а хӀиттина, доӀа дира оха. 6 Церан хӀораннан Ӏодика а йина, тхо хӀордкеманна тӀе девлира. Ткъа уьш шайн цӀа бирзира. 7 Цора-гӀалара кхидӀа а тхайн некъ бира оха. Ӏаккхо-гӀалахь севцина, динан вежаршка маршалла а хаьттина, цаьрца цхьа де даьккхира оха. 8- 21:8 Векалийн 6:5; 8:5. ШолгӀачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гӀала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхӀ гӀоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хӀусамехь севцира тхо. 9 Цуьнан маре яхаза йиъ йоӀ яра. Уьш Делера болу хаам бовзуьйтуш бара. 10- 21:10 Векалийн 11:28. ЯхӀуд-махкара Агав цӀе йолу пайхамар вале, оха масех де даьккхира цигахь. 11 Тхо долчу а веана, ПахӀалан доьхка схьа а эцна, шен когаш а, куьйгаш а дихкина, элира цо: «Делан Сино боху: „ХӀара доьхка долу стаг, иштта дӀа а вихкина, кхечу къаьмнийн нахе дӀалур ву Ярушалаймера жуьгташа“».

12 Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахӀале Ярушалайме ма гӀахьара бохуш, дехарш дан хӀиттира. 13 ТӀаккха ПахӀала элира: «ХӀун до аша, хӀунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДӀавехкарна хьовха, Везачу Элан Ӏийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со». 14 Цуьнан ойла хийца ницкъ а ца кхаьчна, оха, совца а севцина, элира: «Везачу Элан лаам кхочушхуьлда».

15 Юха, кечам а бина, Ярушалайме дахара тхо. 16 Кхесрин-гӀалара цхьаболу мурдаш баьхкира тхоьца. Цара тхо дуьххьарлерчу мурдех волчу Кипрерачу Мансонна тӀе дигира. Цуьнан хӀусамехь севцира тхо.

ПахӀал Якъуб волчу воьду

17 Ярушалайме дӀакхаьчча, динан вежарша дика тӀеийцира тхо. 18 ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера. 19 Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. 20 Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале:

«Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу. 21 Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш. 22 ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла. 23- 21:23, 24 Лелар 6:13-21. Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. 24 Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. 25- 21:25 Векалийн 15:29. Ткъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла».

26 ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла.

ПахӀал лацар

27 ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира, 28 маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». 29 (- 21:29 Векалийн 20:4. Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гӀалара ТрахӀим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цӀийне валийна.)

30 ГӀала карзахъяьллера, массо а агӀора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахӀал Делан цӀийнан кертара аратакхийра. НеӀарш цу сохьта тӀекъевлира. 31 Иза вен гӀертара уьш. ТӀеман коьрта хьаькамна тӀе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла. 32 Цу сохьта тӀемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тӀевахара иза. ТӀеман коьрта хьаькам а, тӀемалой а гина, ПахӀална еттачуьра севцира уьш. 33 ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо. 34 Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГӀовгӀа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахӀал гӀопе дӀавигийтира тӀеман коьртачу хьаькамо. 35 Лами улло иза вигича, тӀемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгӀазбахана, цунах лата гӀерташ хиларна. 36 Цунна тӀаьхьабогӀучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» – бохуш.

ПахӀала нахе дина къамел

37 ГӀопана улло кхочуш, ПахӀал тӀеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?»

Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа? 38 ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?»

39 ПахӀала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гӀалара жуьгти ву, евзаш йолчу гӀалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан».

40 Вукхо бакъо елча, ПахӀала, ламин тӀегӀанаш тӀе а хӀоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дӀатийначу хенахь иза Ӏебархойн маттахь къамел дан хӀоьттира.

22

1 «Вежарий, ладогӀалаш хӀинца ас аьндолчуьнга». 2 ПахӀала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагӀделира. ТӀаккха цо элира:

3- 22:3 Векалийн 5:34-39. «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со. 4- 22:4, 5 Векалийн 8:3; 26:9-11. Ӏийсан некъа тӀе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тӀе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. 5 Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гӀаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таӀзар дан нах схьабало.

6 Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 7 Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“

8 Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“

Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“.

9 Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 10 Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“

Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. 11 Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со.

12 Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага, 13 тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира. 14 Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. 15 ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. 16 ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“.

17 Со Ярушалайме вухавеача, Делан цӀийнан кертахь доӀа дечу хенахь суна шовкъ еара: 18 Суна Ӏийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хӀунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тӀеоьцур дац“.

19 Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цӀеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. 20- 22:20 Векалийн 7:58. Хьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“.

21 ТӀаккха Цо элира соьга: „ДӀавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“».

ПахӀал а, тӀеман коьрта хьаькам а

22 И дешнаш аллалц ладугӀуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хӀиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш. 23 Цара маьхьарий а хьоькхуш, тӀера хӀуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгӀазбахана хӀаваэ чан кхуьйсучу хенахь, 24 тӀеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахӀал гӀопе дӀа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тӀе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама. 25 Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?»

26 Иза хезна, тӀеман хьаькамо, шел лакхарчунна тӀе а вахана, элира: «Хьо хӀун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву».

27 Лакхарчу тӀеман хьаькамо, тӀе а веана, хаьттира ПахӀале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?»

«Ву», – аьлла, жоп делира ПахӀала.

28 Коьртачу тӀеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила».

ПахӀала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо».

29 Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа. 30 ШолгӀачу дийнахь жуьгташа ПахӀал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тӀера зӀенаш дӀа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахӀал, схьа а валийна, царна хьалха хӀоттийра тӀеман хьаькамо.

23

ПахӀал а, жуьгтийн тхьамданаш а

1 Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со». 2 Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахӀалан бета тӀе хӀума тоха аьлла. 3- 23:3 Маттай 23:27, 28. ПахӀала элира цуьнга: «Дала таӀзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хӀетте а харцонца суна етта боху-кх ахь».

4 Уллохь лаьтташ болчара элира ПахӀале: « Динан коьрта да сийсазво ахьа!»

5- 23:5 Арадаккхар 22:28. ПахӀала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тӀехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».

6- 23:6 Векалийн 26:5; Пилапхошка 3:5. Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».

7 Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира. 8 (- 23:8 Маттай 22:23; Марк 12:18; Лака 20:27. ХӀунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.) 9 Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла»+ 23:9 *Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: *«Далла дуьхьал хир дац вай».*. 10 Амма къовсам кхин а чӀогӀа баларна тӀеман коьртачу хьаькамо, наха ПахӀал вовшахваккхарна кхоьруш, тӀемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гӀопе дӀавига аьлла.

11 Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».

Жуьгташа ПахӀална дуьхьал бартбар

12 Де тӀекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахӀал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а. 13 И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг. 14 Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахӀал веллалц. 15 Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду».

16 Цара бинчу бартах лаьцна ПахӀалан йишин кӀантана хиира. Цо, гӀопе а веана, ПахӀале дӀахаийтира и гӀуллакх. 17 ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», – аьлла.

18 Цу хьаькамо, и кӀант тӀеман коьртачу хьаькамна тӀе а вигина, элира: «Тутмакха ПахӀала, соьга схьа а кхайкхина, хӀара жима стаг хьуна тӀевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хӀума ду боху цо».

19 ТӀеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кӀанте: «ХӀун дара хьан соьга ала?» – аьлла.

20 КӀанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахӀал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гӀуллакх дикка толлучуха. 21 Цаьрга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кӀело йина Ӏаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хӀинца кийчча Ӏаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш».

22 ТӀаккха тӀеман коьртачу хьаькамо жима стаг дӀавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», – аьлла.

ПахӀал Кхесрин-гӀала дӀавохуьйту

23 Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе. 24 Иштта, варраш а кечъе, тӀе а хаавай, ПахӀал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дӀавигийта».

25 Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо:

26 «Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас.

27 ХӀара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тӀемалошца веанчу ас кӀелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь. 28 Кхуьнан хӀун бехк бу хаархьама, ас хӀара церан коьртачу кхеташоне валийра. 29 Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара. 30 Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хӀара хьо волчу дӀахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гӀуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира».

31 ТӀемалоша шайна деллачу омрица ПахӀал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гӀала дӀавигира. 32 Ткъа шолгӀачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидӀа вига а аьлла, гӀопе юхабирзира уьш. 33 Вукхара, Кхесрин-гӀала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дӀа а делла, ПахӀал цунна хьалха хӀоттийра. 34 Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахӀале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХӀара Киликера вуйла хиъча, цо элира: 35 «Ас хьан гӀуллакхе ладугӀур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТӀаккха гӀароле, иза кхел еш долчу ХӀародан цӀийнехь ларве аьлла, омра дира цо.

24

Пелакъа ПахӀалан гӀуллакхе ладугӀу

1 Пхи де даьлча, динан коьрта да Хьанас а, масех воккха стаг а, кхелан гӀуллакх лелош волу Туртал а веара цига. Цара мехкан куьйгалхочуьнга ПахӀална дуьхьал шаьш даьккхинарг дийцира. 2 ПахӀал схьакхайкхича, Туртала, иза бехкевеш, бохура:

«Массо а хенахь а, массо а меттехь а баркаллица тӀечӀагӀдо оха, лоруш волу Пелакъ, хьо бахьана долуш тхо долчохь машар хилар а, ахь Ӏуналла дарца хӀокху халкъан дахар толуш хилар а. 4 Амма, хьуна тӀех новкъарло ца ярхьама, доьху хьоьга тхан доццачу къамеле ладогӀар, хьайгахь гуттар а болчу къинхетамца. 5 Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. 6 ТӀехула тӀе Делан цӀа сийсаздан а воьллера хӀара, амма оха сацийра+ 24:6б-8а *Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: *Тхо тхайн Ӏедалца кхунна кхел ян лууш дара. *7 Амма тӀеман коьрта хьаькам волчу Лосас, ван а веана, нуьцкъаха тхан карара схьа а ваьккхина, хьо волчу хьажийра хӀара. *8 ХӀара бехке веш долчу тхуна а тӀедожийра цо хьуна тӀедахкар.*. 8 Барт хаьттича, хьуна хьайна а хуур ду, оха хӀара стаг бехкевар нийса дуйла».

9 Оцу бехкана тӀетайра важа жуьгтий а, цо аьлларг дерриг а бакъ ду аьлла.

ПахӀала Пелакъна хьалха ша бехказавоккхуш дина къамел

10 Мехкан куьйгалхочо пурба делча, ПахӀала жоп делира: «Дуккха а шерашкахь кху халкъана тӀехь хьо кхелахо вуй а хууш, со хазахетарца бехказавала хьожур ву. 11 Хьуна хаа хала хир дац, со шийтта де ца кхоччуш хьалха Ярушалайме Далла Ӏибадат дан веанийла. 12 Я Делан цӀийнехь а, я жуьгтийн гуламан цӀеношкахь а, я гӀали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. 13 Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. 14 Амма цхьана хӀуманна тӀехь къера ву со: сайн дайн Далла гӀуллакх деш вогӀу со кхарна тоба бен ца хетачу новкъахула. Товратан хьехамех а, пайхамарша яздинчух а – дерригенах а теша со. 15 Делан лаамехь болчарна а, боцучарна а беллачуьра денлур бу аьлла болу, хӀорш а шех тешаш болу, Делах болу цхьа сатийсам бу сан. 16 Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама. 17- 24:17, 18 Векалийн 21:17-28. Дуккха а шераш девллачул тӀаьхьа Ярушалайме веана со, сайн халкъана юкъара къечарна хӀума кховдорхьама а, сагӀа даккхархьама а. 18 Со цӀинваларан Ӏадатах чекхваьлча, Делан цӀийнан кертахь карийра Асиа-махкара масех жуьгтичунна. Соьца адамийн тоба яцара, я гӀовгӀа а ца йора цхьаммо а. Уьш бара хьуна хьалха хӀитто безарш, нагахь церан суна дуьхьал ала хӀума делахь. 20 Я кхаьрга алийта, соьгахь хӀун харцо карийна шайна, со коьртачу кхеташонна хьалха лаьттачу хенахь. 21- 24:21 Векалийн 23:6. Кхарна юкъахь лаьттачу хенахь ас чӀогӀа аьлла цхьа дош бахьана долуш дуй те хӀара: „Белларш денлуш хиларх теша аьлла, аша суна тахана кхел йо“, – аьлла».

22 Дерригене ла а доьгӀна, цу хьехамах дерг шена дика хаьа дела, Пелакъа и гӀуллакх тӀаьхьатеттира. Цо элира: «ТӀеман коьрта хьаькам Лоса схьавеача, ас къастор ду шун гӀуллакх». 23 Юха цо тӀеман хьаькаме омра дира, ПахӀал ларве, амма паргӀат а вита, накъосташна цуьнан гӀайгӀа бан новкъарло а ма е аьлла.

ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина латтаво

24 Масех де даьлча, жуьгти йолчу, шен зудчуьнца Дурсалица веанчу Пелакъа, ПахӀале схьа а кхайкхийтина, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах долчу тешарх лаьцна цуьнга дийцийтира. 25 ПахӀала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХӀинца дӀагӀо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо». 26 Цул сов иза сатесна вара ПахӀала ша дӀахоьцург ахча лург хиларе, цундела, кест-кеста схьа а кхойкхуш, цуьнца къамел дора цо. 27 Ши шо даьлча, Пелакъан метта Порка Висита цӀе йолу куьйгалхо веара. Жуьгташна там бархьама ПахӀал чувоьллина витира Пелакъа.

25

ПахӀал Виситина хьалха хӀутту

1 Ша куьйгалхо хӀоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гӀалара Ярушалайме веара Висита. 2 Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тӀе, ПахӀална арз дахьаш. Цара дехарш дора, 3 къинхетам а бина, ПахӀал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара. 4 Виситас жоп делира, ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гӀур ву аьлла. 5 «Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, – элира цо, – цаьрга хӀара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь».

6 Цаьрца бархӀ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахӀал схьавалавайтира цо. 7 Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан. 8 ПахӀала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цӀенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», – бохуш.

9 Жуьгташна там болу агӀо лоьхуш, Виситас элира ПахӀале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?»

10 ПахӀала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хӀинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа. 11 Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».

12 Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тӀевохуьйтур ву хьо», – аьлла.

ПахӀал АгӀарипа-паччахьна хьалха хӀутту

13 Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хӀоттор даздан Кхесрин-гӀала паччахь АгӀарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара. 14 Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахӀалан гӀуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву. 15 Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана. 16 Амма ас элира цаьрга, римхойн Ӏедал дац бехке веш волу стаг дӀалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла. 17 Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгӀачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира. 18 Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша. 19 Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Ӏийсах а лаьцна, ткъа ПахӀала-м Иза дийна ву бохура. 20 И гӀуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахӀале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ – аьлла. 21 Амма ПахӀала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гӀалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тӀевиггалц чувоьллина вита аьлла».

22 АгӀарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогӀа».

«Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», – аьлла, жоп делира Виситас.

23 ШолгӀачу дийнахь АгӀарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тӀеман хьаькамаш а, гӀалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цӀа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахӀал схьавалаве аьлла. 24 Цул тӀаьхьа Виситас элира: «АгӀарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хӀокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хӀара кхин ваха хьакъ вац бохуш. 25 Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо. 26 Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хӀумма а дац сан. Цундела ас хӀара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгӀарипа-паччахь, валавайтина, гӀуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хӀума хилийта. 27 ХӀунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хӀун ду а ца хоуьйтуш, дӀахьажор».

26

ПахӀала АгӀарипа-паччахьна хьалха дина къамел

1 ТӀаккха АгӀарипа-паччахьо элира ПахӀале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахӀала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира:

2 «Паччахь АгӀарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна, 3 хьо жуьгтийн гӀиллакхаш а, къовсаме долу хӀуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогӀар.

4 Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна. 5- 26:5 Векалийн 23:6; Пилапхошка 3:5. Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догӀуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Ӏаш хилар. 6 ХӀинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. 7 Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. 8 Хила йиш йоцуш хӀунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар? 9- 26:9-11 Векалийн 8:3; 22:4, 5. Со а вара тешна, Назартарчу Ӏийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хӀума дан деза аьлла. 10 И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Ӏийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. 11 Ас таӀзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цӀеношкахь, уьш шайн дина тӀера юхабовлийта гӀерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгӀазалла сел чӀогӀа хиларна, кхечу гӀаланашка а воьдура со уьш схьалеца».

ПахӀала ша Далла тӀеверзарх лаьцна дуьйцу

(Векалийн 9:1-19; 22:6-16)

12 «Оцу гӀуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тӀедехкина декхарш а эцна. 13 Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира. 14 Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“

15 Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“

Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву. 16 ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто. 17 Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо. 18 Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».

ПахӀала жуьгташка а, кхечу къаьмнийн нахе а дина тоьшалла

19 «Цундела, АгӀарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хӀоьттинчу бӀарлагӀина. 20- 26:20 Векалийн 9:20, 28, 29. Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама. 21 Цу бахьаненна, Делан цӀа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гӀоьртира жуьгтий. 22 Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен: 23- 26:23 а: 1 Коринтхошка 15:20; б: ЕшаӀ-ЯхӀу 42:6; 49:6. Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тӀаьхьа, беллачех гӀаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а».

ПахӀал АгӀарипа-паччахь тешо гӀерта

24 ПахӀалан къамел чекхдалале Виситас чӀоггӀа элира: «ПахӀал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»

25 «Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, – аьлла, жоп делира ПахӀала. – Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду. 26 АгӀарипа-паччахьна дика девза хӀара санна гӀуллакхаш, цундела ас паргӀат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хӀумма а даьлла дац, хӀунда аьлча хӀара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бӀаьргашна хьалха хилла ду. 27 Паччахь АгӀарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший».

28 ТӀаккха АгӀарипас элира ПахӀале: «Иштта атта со Ӏийсах тешначех дӀакхетар ву моьтту хьуна?»

29 «Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахӀала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Ӏаш, массо а тахана соьга ладугӀушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гӀоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш».

30 ТӀаккха паччахь хьалагӀаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагӀевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Ӏийнарш а. 31 Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».

32 АгӀарипас элира Висите: «И стаг хӀинцца дӀахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта лаьа шена ца аьллехь».

27

Риме боьдучу новкъахь

1 Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тӀаьхьа ПахӀал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цӀе йолчу тӀеман хьаькаме дӀабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цӀарахчу эскаран декъан эпсар вара. 2 Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гӀалин хӀордкеманна тӀе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цӀе йолу Тассалник-гӀалара македонхо а вара. 3 ШолгӀачу дийнахь тхо ЦӀадан-гӀалахь охьадевлира кеманна тӀера. Юлай ПахӀале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тӀехь гӀо дийр долу накъостий болчу ваха. 4 Цигара хӀорда тӀе арадевлла, мох кӀезиг болчу агӀор, Кипр-гӀайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна. 5 Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хӀордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гӀала кхечира тхо. 6 Цигахь Искандар-гӀалара Итале-махка догӀу хӀордкема а карийна, цу тӀе ховшийра тхо тӀеман хьаькамо Юлайс.

7 Масех дийнахь меллаша дӀадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гӀалина дуьхьал нисделча, цу агӀор кхидӀа даха а ца делла, Крит-гӀайренна улло дахара тхо, Салмон цӀе йолчу берда юххе а теӀаш, цигахь мох кӀезиг болу дела. 8 Халла цунна уллохула тӀех а девлла, Ласи-гӀалина гена йоцучу, шех Дика дӀахӀуттийла олучу метте кхечира тхо.

9 Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидӀа даха кхераме дара, хӀунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цӀиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахӀала, хьехар деш, бохура: 10 «ЛадогӀийша! Со гуш ву хӀара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тӀерачу кирана а хилла ца Ӏаш, вайн дахарна а».

11 Амма хӀорш эцна воьду тӀеман хьаькам хӀордкема долахь долчух а, и дӀадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахӀала дуьйцучул а. 12 Кхеран кема дӀахӀоьттина меттиг Ӏа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гӀайре тӀехь йолчу Пиника-гӀала хӀордахула дӀабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Ӏанера бовла лаьара царна.

ХӀорд ловзабалар

13 Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гӀайре йистехула дӀабахара уьш. 14 Амма дукха хан ялале гӀайре йолчу агӀорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чӀогӀа мох хьаькхира. 15 ХӀорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хӀордкема. Мохо шена луъучу агӀор дӀасакхуьссура тхо. 16 Кавда цӀе йолчу жимачу гӀайре тӀе, мох кӀезиг болчу агӀорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дӀатесира оха пийсакаш хьокху жима кема. 17 Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дӀа а доьхкуш, хӀордкема чӀагӀдира оха. Хинан кӀоргалла жима йолчохь, Суьрти цӀе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хӀорда тӀехула дӀахецаделира тхо. 18 ШолгӀачу дийнахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларна, кеманна тӀера кира хи чу кхосса долийра. 19 Ткъа кхозлагӀчу дийнахь хӀордкеманан цхьа боккха гӀирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца. 20 Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хӀордан ловзабалар дӀатуьйш дацара. Тхо кӀелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дӀаяьллера.

21 Дукха хан яра цхьаммо а хӀума яаза. ТӀаккха ПахӀала, хьала а гӀаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгӀна, Крит-гӀайре тӀехь севцнехь, хӀара зенаш а лан дезар дацара, хӀумма а дӀакхосса езар яцара вайн. 22 ХӀинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хӀунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хӀаллакьхир дац. 23 Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гӀуллакх дечу а Делан малик деара суна тӀе. 24 Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“. 25 Цундела доха ма дохалаш, доттагӀий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. 26 Амма вай билггала цхьаьна гӀайре тӀе охьакхуьссур ду».

27 ЕйтталгӀа буьйса тӀекхаьчча, тхо Адира цӀе йолчу хӀорда тӀехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хӀордкеманхошна уллохь латта хааделира. 28 Хин кӀоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра. 29 Хин бухулара тӀулгаш тӀе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тӀехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тӀекхачаре сатуьйсуш Ӏара уьш. 30 Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гӀоьртира. 31 Амма ПахӀала элира тӀеман хьаькаме а, тӀемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тӀехь ца совцахь, шу а кӀелхьардевр дац». 32 ТӀаккха тӀемалоша, жима кема дӀатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра.

33 Сахуьлучу хенахь ПахӀала дехар дира массаьрга а, хӀума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгӀа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хӀума ца йиъна. 34 Цундела доьху шуьга хӀума яа, хӀунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тӀера чо а бужур бац».

35 Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хӀоьттира ПахӀал. 36 ТӀаккха массара а, дог иракарахӀоьттина, хӀума йиира. 37 Верриг а хӀордкеманна тӀехь ши бӀе кхузткъе ялхитта стаг вара. 38 Тоъал хӀума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргӀатдаккха хӀиттира уьш, кӀа хӀорда чу а кхуьссуш.

Кема дохар

39 Ӏуьйре тӀекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гӀамаран легӀана берд гира. Аьтто балахь берда тӀедовла барт хилира церан. 40 Кема сацорех, уьш хӀорда чу дӀа а хецна, паргӀат а девлла, кеманан тӀам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш. 41 Амма гӀамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хӀордкема, ткъа цуьнан тӀехье ондачу тулгӀенаша йохош яра.

42 Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тӀемалойн. 43 Амма ПахӀал ца вейтархьама тӀеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тӀе кхача аьлла. 44 Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хӀума схьа а лоцуш, берда тӀе гӀо элира.

Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тӀе хьалавелира.

28

Мелита-гӀайре тӀехь сацар

1 Берда тӀехь кӀелхьардевлча, тхуна хиира гӀайренан цӀе Мелита юйла. 2 Цигарчу бахархоша чӀогӀа дика тӀеийцира тхо. ДогӀа а деана, шелъелча, цӀе а латийна, цунна улло дохдала тӀекхайкхира цара тхоьга. 3 ПахӀала цхьа цӀов чӀийш гулдира. Цо уьш цӀерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира. 4 ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза». 5 Амма ПахӀална цхьа а тайпа лазош хӀума ца хааделира, цо лаьхьа цӀерга ластийра. 6 Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цӀеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Ӏийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахӀална хӀумма а ца хилира. ТӀаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла.

7 Цу меттигна гена боццуш Палаби цӀе йолуш волчу гӀайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хӀусамда хилира иза. 8 Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахӀала, доӀа а дина, цомгушниг товира, тӀе куьйгаш а дехкина. 9 И хиллачул тӀаьхьа гӀайре тӀера бисина болу цомгуш нах а богӀура. Царна а дарба дора ПахӀала. 10 ГӀайре тӀера бахархоша чӀогӀа ларам бира тхан. Тхо дӀадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара.

Мелитера Риме бина некъ

11 Цигахь кхо бутт баьккхинчул тӀаьхьа, цу гӀайре тӀехь Ӏа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш+ 28:11 *Диоскураш *– Зевс-цӀунан шала вина ши кӀант.* олучу Искандар-гӀалара догӀучу хӀордкеманна тӀехь дӀадахара тхо. 12 СуьракӀоз-гӀала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха. 13 Цигара дӀадахча, Риги олучу гӀала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгӀачу дийнахь тхо Путола-гӀала кхечира. 14 Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кӀира даьккхира оха цаьрца. Цул тӀаьхьа тхо Рим-гӀала даьхкира. 15 Цигара динан вежарий, тхо догӀу аьлла хезна, Аппи цӀе йолчу майданахь а, хьешан кхо цӀенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахӀоьттира ПахӀалан.

ПахӀала Римехь хьехам бо

16 Римехь ПахӀална къаьстина Ӏе бакъо елира, амма тӀемалочо ларвеш вара иза. 17 Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахӀала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гӀиллакхашна а дуьхьал ас хӀумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дӀавелира со. 18 Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дӀахеца сацам бира. 19- 28:19: Векалийн 25:11. Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хӀуманна тӀехь бехке ца до сайн халкъ. 20 Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш».

21 Цара элира ПахӀале: «ЯхӀуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна. 22 Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хӀунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна».

23 Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахӀал сецначу цӀийне. Ӏуьйранна дӀаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Ӏийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гӀерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тӀера а, пайхамарша дӀаяздинчунна тӀера а тоьшаллаш а далош. 24 Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара. 25 Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:

26- 28:26, 27: ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10 (Грекийн). „Цу халкъана тӀе а гӀой, ала цаьрга:

Шайн лергашца ладугӀур ду аш, амма кхетар дац шу,

шайн бӀаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.

27 ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан.

Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш.

Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».

28 «ДӀахоуьйла шуна, Дала кӀелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду»+ 28:28 *Цхьадолчу тӀаьхьарчу тептарш тӀехь 29-гӀа аят тӀетоьхна ду: *Цо и аьлча, чӀогӀа къийса а къуьйсуш, дӀабахара жуьгтий.*.

30 Дийнна шина шарахь ша мах лучу цӀенош чохь Ӏийра ПахӀал. ПахӀала шена тӀебаьхкинарш берриш а тӀеоьцура. 31 Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.