Векало ПахӀала

Тимапига

яздина шолгӀа кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала Тимапига яздинчу шолгӀачу кехат чудогӀу дешнаш дукхахьолахь ПахӀалан къона гӀоьнча волчу а, цуьнца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш волчу а Тимапига бина хьехамаш бу. Кехатан коьрта ойла собар хиларе кхайкхар ду. Тимапина хьехам бо, кхидӀа а Ӏийсах лаьцна тоьшалла дар а, хазачу кхоах а, товратах а лаьцна болу тешаме хьехам ларбар а, иштта ша хьехархо а, хаза кхаъ кхайкхорхо а хуьлуш, къахьегар а аьлла. Оццу хенахь Тимапина баланаш а, адамаш дуьхьалдовлар а го.

Яздархочо Тимапига къаьсттина хьедо «сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех» къахкар, хӀунда аьлча ишттачу къамелаша диканиг ца дойту, мелхо а, цара талхабо шайга ладугӀуш болу нах.

Оцу массо а хӀуманашкахула яздархочо дагадоуьйту Тимапина шен дахаран а, Ӏалашонан а масал: шен тешар а, собар а, безам а, доьналла хилар а, баланаш а.

1

1 Тимапи, хӀара кехат яздо хьоьга ПахӀала. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дӀакхайкхо. 2- 1:2 Векалийн 16:1. Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кӀант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.

Баркаллаш а, иракарахӀиттор а

3 Дийнахь а, буса а сайн доӀанашкахь хьо дукхазза а дагавогӀуш, сан дайша ма-барра, цӀеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас. 4 Деана долу хьан бӀаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла. 5- 1:5 Векалийн 16:1. Хьо цӀеначу даггара Ӏийсах тешар дагадогӀу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хӀинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан. 6 Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тӀедахкарехула, Дала хьайна деллачу похӀмин алу кхин а йовха ягийталахь. 7 ХӀунда аьлча Дала вайна кӀиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.

8 Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дӀакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. 9 Дала кӀелхьардаьхна вай. Цо Шена тӀекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гӀуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Ӏалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика. 10 Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Ӏийса, вай КӀелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хӀинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тӀехь долу Ӏожаллин олалла дохийна Ӏийсас. Ша дӀакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Ӏожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. 11- 1:11 1 Тимапига 2:7. И хаза кхаъ дӀакхайкхо Ӏийсан векал а, хьехархо а дӀахӀоттийна со. 12 Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву. 13 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цӀеначу хьехамех масал а дай, Ӏелахь. 14 Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гӀоьнца ларделахь.

15 Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дӀабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХӀарми-Гена а. 16 Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цӀийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна. 17 Рим-гӀалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна. 18 Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тӀедогӀур долчу оцу дийнахь. Эпас-гӀалахь цо суна мел дина долу дика гӀуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.

2

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан тешаме тӀемало

1 Ткъа хьо, сан кӀант, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь. 2 Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дӀалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга.

3 Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дикачу тӀемалочо санна. 4 Цхьа а дика тӀемало шен цӀерачу гӀуллакхашна тӀера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтӀахь хила лууш. 5 Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь. 6 Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дӀакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа. 7 Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хӀума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.

8 Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу. 9 Хаза кхаъ кхайкхорхьама тӀеэцна ас хӀара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш. 10 Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта. 11 Нийса аьлла ду:

«Нагахь санна вайн Ӏийсаца далар хиллехь,

Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн.

12- 2:12 Маттай 10:33; Лака 12:9. Нагахь санна вай баланаш ловш делахь,

Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай.

Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь,

тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.

13 Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а,

Иза-м хӀетте а тешаме хир ву,

хӀунда аьлча Ша-Шех дӀакъаьстийла дац Цуьнан».

Хьакъ долу гӀуллакхдархо

14 И хӀуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дӀахьеде цаьрга, дешнаш тӀехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгӀурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац. 15 Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агӀор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш. 16 Ӏеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хӀунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху. 17 Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дӀасабаьржа. И Ӏеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХӀуьманай а, Пилти а. 18 Уьш билггал бакъдолчунна тӀера дӀабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху. 19- 2:19 Лелар 16:5. Делахь а Дала дӀахӀоттийна болу онда бух чӀогӀа лаьтташ бу. Цунна тӀе дӀаяздина хӀара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХӀора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».

20 Муьлххачу а доккхачу цӀа чохь дашо а, дато а пхьегӀаш хилла а ца Ӏаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегӀаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гӀуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гӀуллакхна лелош хуьлу. 21 Иштта массо а вон долчух цӀанвелларг а хир ву лакхарчу гӀуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегӀа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гӀуллакхна кийча а. 22 Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦӀеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргӀато а. 23 Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хӀунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий. 24 Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кӀеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза. 25 Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло. 26 ТӀаккха и мостагӀий а, дохко а бевлла, меттабогӀур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дӀалаьцначу цуьнан речӀанах паргӀатбевр бу.

3

ТӀаьхьарчу деношкахь

1 Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. 2 Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. 3 Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. 4 Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. 5 Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. 6 Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. 7 Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. 8- 3:8 Арадаккхар 7:11. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. 9 Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.

ТӀаьххьара бина болу хьехамаш

10 Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь. 11- 3:11 а: Векалийн 13:14-52; б: Векалийн 14:1-7; ц: Векалийн 14:8-20. Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со. 12 Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар. 13 ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.

14 Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна. 15 Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша. 16 Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. 17 Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.

4

1 Дала леррина къобалвина волу Ӏийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чӀагӀо а еш, ас хӀара весет до хьоьга: 2 дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде. 3 ХӀунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугӀур доцу хан тӀейогӀур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. 4 Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш. 5 Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гӀуллакх а деш, хьайна тӀедиллинарг дерриге а чекх а даккха.

6 Сайх лаьцна хӀара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагӀа даккха дуттуш долу чагӀар санна ду – со дӀакхалха веза хан тӀееана. 7 Дикачун дуьхьа бечу тӀамехь ас хьуьнарца тӀом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. 8 Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.

ПахӀала Тимапига шех лаьцна дуьйцу

9 Тимапи, хӀуъа а дай, суна сихха тӀекхачахьара хьо. 10- 4:10 а: Ковлусихошка 4:14; Пхьалмане 1:24; б: 2 Коринтхошка 8:23; Галатахошка 2:3; Тите 1:4. ХӀара дуьне шена дезарна, сох дӀа а къаьстина, Тассалник-гӀала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. 11- 4:11 а: Ковлусихошка 4:14; Пхьалмане 1:24; б: Векалийн 12:12, 25; 13:13; 15:37-39; Ковлусихошка 4:10; Пхьалмане 1:24. Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тӀехь суна пайден хир ву иза. 12- 4:12 Векалийн 20:4; Эпасхошка 6:21, 22; Ковлусихошка 4:7, 8. ТихӀак Эпас-гӀала вахийтина ас. 13- 4:13 Векалийн 20:6. Троя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш.

14- 4:14 а: 1 Тимапига 1:20; б: Забур 61:13; Римхошка 2:6. Дукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна. 15 Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чӀогӀа дуьхьалваьлла иза.

16 Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гӀо даккха цхьа а ца веара, массара а дӀатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала! 17 Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара. 18 Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.

ТӀаьххьара делла маршаллаш

19- 4:19 а: Векалийн 18:2; б: 2 Тимапига 1:16, 17. Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а, Анисапаран цӀерачаьрга а. 20- 4:20 а: Векалийн 19:22; Римхошка 16:23; б: Векалийн 20:4; 21:29. Арсати Коринт-гӀалахь висира. Ткъа ТрахӀим Милет-гӀалахь витира ас, иза цомгуш волу дела. 21 ХӀуъа дай а, Ӏа тӀедале, схьакхача гӀортахьара хьо.

Маршаллаш доуьйту хьоьга Ӏевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а.

22 Веза Эла хуьлийла хьан синца.

Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.