Векало ПахӀала
тассалникахошка
яздина шолгӀа кехат
Дешхьалхе
Тассалник-гӀалахь йолчу тешначийн тобанехь болу нах карзахбохура Ӏийса маца вогӀур ву бохучу хаттаро. Цхьаберш тешара Веза Эла схьаваран де тӀедеана даьлла хиларх. Векало ПахӀала тассалникахошка яздинчу шолгӀачу кехат тӀехь цу харцтешарна жоп ло. ПахӀала туьду, Дала леррина Къобалвинарг юхавале, вониг а, зуламаш а тоъал кхочуш хир ду аьлла. «Вониг» олучу цхьана стага олалла дечу хенахь хир ду иза. И стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал хир ву.
Баланаш хьоьгуш белахь а, шайн тешарехь чӀагӀбина хила беза хӀара кехат доьшурш, боху векало ПахӀала. ПахӀала а, цуьнан накъосташа а санна болх а беш, шайн дахарна оьшург латто деза цара. Иштта цара кхидӀа а диканиг дан деза.
11- 1:1 Векалийн 17:1. ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо Тассалник-гӀалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешначийн тобане.
2 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
Ӏийса схьавеача хинйолу кхел
3 Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Ӏийсах тешарехь шу чӀагӀлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хӀунда аьлча шуна массарна а юкъахь хӀораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. 4 Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх. 5 Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хӀинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача. 6 Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, 7 ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. 8 Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо. 9- 1:9 ЕшаӀ-ЯхӀу 2:10. ТаӀзар а дина, уьш гуттаренна а хӀаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дӀабаьхна хир бу уьш. 10 И таӀзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тӀеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Ӏийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела.
11 Цундела шуна тӀера оха даим доӀанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гӀуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха. 12 Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Ӏийсан цӀе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гӀарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан+ 1:12 *Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан *– я иштта: *Вайн Делан а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а.* долчу диканца хир ду иза.
2ХӀаллакьхила вогӀун волу къинойн кӀант
1- 2:1 1 Тассалникахошка 4:15-17. Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен тӀе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: 2 шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла. 3 Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела. 4- 2:4 Даниал 11:36; Яхьазкхиал 28:2. «Дела» аьлла, цӀе йоккхучу а, адамаша Ӏибадат дечу а массо а хӀуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цӀа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. 5 Дага ца догӀу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар? 6 Ткъа хӀинца шуна хаьа, иза сецош дерг хӀун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац. 7 Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц. 8- 2:8 ЕшаӀ-ЯхӀу 11:4. ТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву. 9- 2:9 Маттай 24:24. Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Ӏаламаташ а гойтуш лелар ву иза. 10 Шаьш кӀелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тӀе ца эцарна а, иза ца дезарна а хӀаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. 11 Цундела Дала чӀогӀа Ӏехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш. 12 ТӀаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю.
КӀелхьардахарна хаьржина
13 Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха. 14 Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. 15 Цундела, динан вежарий, чӀагӀлой Ӏелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тӀехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха.
16 Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. 17 Муьлххачу а аша олуш долчунна тӀехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гӀуллакхашна тӀехь а, иракара а хӀиттош, Дала чӀагӀдойла шу.
3Тхуна тӀера доӀанаш делаш
1 Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш. 2 Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дӀакъастор, хӀунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш.
3 Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. 4 Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дӀа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан. 5 Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тӀехьажадойла.
Массо а къахьега декхарийлахь ву
6 Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла. 7 Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. 8 Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. 9 Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. 10 Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», – аьлла.
11 Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Ӏаш бу бохуш, хеза тхуна. ХӀумма а ца деш болу уьш нехан гӀуллакхашна чу юкъагӀерта. 12 Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах тӀедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догӀу рицкъа даккха а, синна паргӀат хила а.
13 Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де. 14 Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. 15 Иза мостагӀа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве.
Чаккхе
16 Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!
17 Аса, ПахӀала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хӀара кехат. Соьгарчу хӀора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо:
18 Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.