Паччахьаллех лаьцна шолгӀа тептар:
Дауд-паччахь
Дешхьалхе
Паччахьаллийн гӀуллакхийн шолгӀачу тептар тӀехь кхидӀа а дуьйцуш ду Паччахьаллийн гӀуллакхийн хьалхарчу тептар тӀехь долийнарг. Тептаро дуьйцу Дауд паччахь хилла дӀахӀоьттинчу заманах лаьцна. Цкъа-делахь, Дауд къилбехьа болчу ЯхӀуд-махкана тӀехь паччахь хиларх лаьцна ду (1–4 кортош), шолгӀа-делахь иза, къилбаседехьа болу Исраил-мохк чу а богӀуш, дерриг а къомана тӀехь паччахь хиларх лаьцна а ду (5–24 кортош). ЧӀогӀа говзачу дешнашца дуьйцуш ду Дауда къомана юкъахь болчу а, хийрачу а мостагӀашца тӀом бан безаш хиларх, шен пачхьалкх шоръярхьама а, иза чӀагӀъярхьама а. Гойтуш ду Даудан Делах тешар чӀогӀа хилар а, цо чӀогӀа Дела лоруш хилар а. Цул сов, шен къам шена тешаме хилийта а аьтто хилла цуьнан. Вукху агӀор яздархочо гойту цкъаццӀа иза къиза хилар а, шен лаамаш а, Ӏалашонаш а бахьанехь цо даккхий гӀалаташ довлийтар а. Амма Везачу Элан пайхамар волчу Натас Дауде цуьнан къиношка цуьнга тидам бойту. Дауд царна къера а хуьлу, Дала даийтина таӀзар цо тӀе а оьцу.
Дауд-паччахьан дахаре а, цо динчу гӀуллакхашка а боккха ларам болуш дара Исраилан халкъ. ТӀаьхьарчу баланечу шерашкахь, нах кхин паччахь варе хьоьжучу хенахь, цара цу хинволчу паччахьах «Даудан кӀант» олура, хӀунда аьлча иза Даудах тера волу, цунах схьаваьлларг хин волу дела.
1Даудана Шаул веллийла хаьа
1 Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара. 2 КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. 3 Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла.
Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».
4 ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга».
Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».
5 ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»
6- 1:6-10 Шамъал 31:1-6; 1 Шерашкахь 10:1-6. Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара. 7 Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, – аьлла. 8 Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“. 9 ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“. 10 ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».
11 Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна. 12 Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.
13 Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?»
Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».
14 ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?» 15 Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра. 16 Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».
Шаулах а, ЯхӀунатех а лаьцна йолу Даудан назма
17 Дауд Шаулний, цуьнан кӀант волчу ЯхӀунатиний вилхира, назма а олуш. 18- 1:18 ЮшаӀ 10:13. Цо омра дира яхӀудхошка, секхаӀад цӀе йолу и назма+ 1:18 *СекхаӀад цӀе йолу и назма *– я иштта: *секхаӀад лелор.* Ӏамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тӀехь дӀаязйина ю). Цо элира:
19 «Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тӀехь йоьжна!
Ма ийгир-кх и ницкъ берш!
20 Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гӀалахь,
Ашкхилунан урамашкахь дӀа а ма кхайкхаделаш,
пӀелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта,
сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.
21 ГилбаӀан лаьмнаш!
Я тхи а, я догӀа а ма дужийла шуна тӀе!
Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тӀехь,
хӀунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь,
Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!
22 ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича,
мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира.
Шаула шен тур майрачунна тоьхча,
тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.
23 Шаул а, ЯхӀуната а,
шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара,
Ӏожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех.
Аьрзунел сиха а,
лоьмел ницкъ болуш а
вара и шиъ.
24 Исраилхойн мехкарий!
Шаьш таьӀна-цӀен бедаршца кечдеш,
дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тӀаьхьа делхалаш.
25 Ма хӀаллакьхили и къонахий тӀеман аренгахь!
Ма вийна-кх ЯхӀуната, лакхенашкахь Ӏуьллуш волу!
26 Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната!
Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара.
Зударийн соьца болчу безамал а,
хьан безам суна беза бара.
27 Ма хӀаллакьхили ницкъ берш!
ТӀеман герз ма хӀаллакьхили!»
2Дауд ЯхӀуд-мехкан паччахь дӀахӀоттар
1 Цул тӀаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхӀуд-махкарчу цхьана гӀала гӀой со?»
Везачу Эло цунна жоп делира: «ГӀо».
ТӀаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гӀо со?»
Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гӀо». 2- 2:2 Шамъал 25:42, 43. Дауд цига дӀавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигӀал а. 3 Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дӀабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. 4- 2:4 Шамъал 31:11-13. ЯхӀуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цӀенна тӀехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тӀе зайтдаьтта доттарца.
Кестта Дауде хабар кхечира, ГалӀадарчу Явешан бахархоша Шаул дӀавоьллина аьлла. 5 Дауда ГалӀадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дӀа а верзош, шу тешаме хиларна. 6 ХӀинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш. 7 Ткъа хӀинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хӀунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхӀудан тайпано шена тӀехь паччахь хила къобалвина».
Иш-Бошат паччахь хилла дӀахӀутту
8 Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кӀанта Абунара, Шаулан кӀант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. 9 Цо иза ГалӀадана а, Ашурайна а, ИзраӀална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. 10 Цу хенахь Шаулан кӀентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тӀехь долу паччахьалла шен карахь а долуш.
Даудана тӀаьхьа ЯхӀудан тӀаьхье бен ца хӀоьттира. 11 ВорхӀ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхӀудан тӀаьхьенна тӀехь Даудан паччахьалла.
Исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъахь хилла тӀом
12 Неран кӀант Абунар а, Шаулан кӀентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавӀон-гӀала дӀабахара. 13 Даудан тӀемалошца аравелира Царуятан кӀант Йоаб а. Уьш ГавӀонерачу Ӏома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТӀемалойн цхьа тоба Ӏоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира. 14 Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гӀиттабай, шайга хӀун дало хьовсийта».
Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагӀовттийта».
15 Шаулан кӀант волчу Иш-Бошатан агӀонера шийтта бен-яманхо хьалагӀаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гӀаьттира. 16 Цара хӀораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агӀонаш чу тур дахийтира. И кӀентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цӀе, ГавӀонера Хьелкхат-ХӀацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду).
17 Цу дийнахь цара чӀогӀа тӀом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра.
18 Цигахь Царуятан кхо кӀант вара: Йоаба, Абушай, ӀасахӀал. ӀасахӀал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. 19 Иза Абунарна тӀаьхьавелира, цуьнан лорана тӀера я аьтту, я аьрру агӀор а ца волуш. 20 Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ӀасахӀал?»
Вукхо жоп делира: «Со ву».
21 ТӀаккха Абунара ӀасахӀале элира: «Аьтту я аьрру агӀор а таӀий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ӀасахӀална ца лиира цунна тӀаьхьара дӀавала. 22 Абунара юха а цуьнга элира: «ДӀавала суна тӀаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гӀур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?» 23 Амма важа цунна тӀаьхьара ца волура. ТӀаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Ӏоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ӀасахӀал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тӀехволуш мел верг цигахь соцура.
24 ӀасахӀалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тӀаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавӀонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Ӏуьллуш болчу, Аьми олучу гу тӀе кхаьчча. 25 Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дӀахӀиттира. 26 Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хӀокху хӀуманан тӀаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тӀаьхьадовлий ма лела?»
27 Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чӀагӀо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Ӏуьйре тӀекхаччалц шайн вежаршна тӀаьхьабевлла лелар ма бара». 28 Эццахь Йоаба коьман маӀа лекхира. Адам исраилхошна тӀаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТӀом дӀабелира.
29 Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогӀехула дӀаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгӀачу дийнахь а новкъахь бара. ТӀаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.
30 Йоаб Абунарна тӀаьхьаваьлла лелачуьра юхавирзира. Цо адам схьагулдира. Царна юкъахь, ӀасахӀал воцург, Даудан эскархойх ткъайоьсна стаг тӀеоьшуш вара. 31 Даудан эскархоша Абунаран нах а, бен-яманхой а эшийра. Церан вийна верг кхо бӀе кхузткъа стаг вара. 32 Дакъа схьа а эцна, ӀасахӀал Байтлахам-гӀалахь шен ден коша чохь дӀавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дӀаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира.
31 Даудан цӀенний, Шаулан цӀенний юкъахь еххачу хенахь тӀемаш лаьттира. Даудан ницкъ чӀагӀлуш бара, ткъа Шаулан цӀа эшна догӀура.
Хьевронехь Даудана ялх кӀант во
2 Хьевронехь Даудана кӀентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара. 3 ШолгӀа кӀант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигӀала вина вара. КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара. 4 ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара, пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара. 5 ЙолхалгӀачу кӀентан ИтраӀаман нана ӀагӀлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кӀант Хьевронехь вина вара.
Абунар Даудах дӀакхета
6 Шаулна а, Даудана а тӀаьхьахӀиттина болчарна юкъахь тӀом лаьттачу хенахь, Шаулна тӀаьхьахӀоьттинчарна юкъара волу Абунар чӀагӀвелира шен даржехь.
7 Шаулан, Рицпат цӀе а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. Иза АяхӀун йоӀ яра. Иш-Бошата Абунаре элира: «Хьо сан ден гӀарбаш-зудчуьнца+ 3:7 *ГӀарбаш-зуда *– зудчун бакъо йолу гӀарбаш.* хӀунда Ӏийра?» 8 Абунар цо аьллачунна чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Иш-Бошате элира: «Хьуна со жӀаьла ду-м ца моьтту? ЯхӀудана дуьхьал а ваьлла, аса хьан ден Шаулан цӀенна а, хьан вежаршна а, цуьнан доттагӀашна а гӀуллакх дина, хьо Даудан кара дӀа а ца велла. Ткъа тахана, и зуда бахьана долуш, со бехкевеш ву-кх хьо?! 9 Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, Везачу Эло, чӀагӀо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь. 10- 3:10 Шамъал 15:28. Шаулан цӀийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхӀудан а мехкашна тӀехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, паччахьалла Дауде дӀа а лур ду». 11 Иш-Бошата Абунаре хӀумма а ца элира, ша цунах озалуш волу дела.
12 Абунара шегара Дауд волчу геланчаш бахийтира хабар эцна: «ХӀара латта хьенан ду? Соьца берта вола, аса дерриг а Исраилан халкъ хьайна тӀедерзо гӀо дийр ду хьуна».
13 Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогӀур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогӀуш хьайца Шаулан йоӀ Михула ца ялаяхь».
14- 3:14 Шамъал 18:27. Дауда Шаулан кӀант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бӀе пӀелаштамхо сунт а вина, эцна йолу». 15 Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кӀантера Палтиалера схьаяккха. 16 Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дӀайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цӀа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.
17 Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тӀехь паччахь хуьлийла. 18 ХӀинца кхочушде иза! ХӀунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пӀелаштамхойн а, церан массо мостагӀийн а куьйга кӀелхьара схьадоккхур ду“». 19 Изза элира Абунара бен-яманхошка а. Абунара, Хьевроне а вахана, Дауде дӀахаийтира Исраилан а, дерриг а бен-яманхойн цӀийнан лаам.
20 Абунар, шеца цхьаьна ткъа стаг а волуш, Хьевроне веача, Дауда цунна а, цуьнца цхьаьна болчарна а той хӀоттийра. 21 Абунара Дауде элира: «Со хӀинца, хьала а гӀаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тӀаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тӀехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дӀавахийтира.
Абунар вер
22 Даудан эскархой Йоабаца цхьаьна генарчу новкъара цӀа баьхкира. Цара шайца йоккха хӀонс еанера, амма Абунар цу хенахь Даудаца Хьевронехь вацара, хӀунда аьлча иза Дауда маьрша новкъа ваьккхинера. 23 Йоаб шеца хиллачу эскарца юхавирзича, цуьнга дӀадийцира, Дауд волчу Неран кӀант Абунар веана хилар а, паччахьо иза маьрша дӀавахийтина хилар а. 24 Йоаб, паччахь волчу а веана, цуьнга вистхилира: «ХӀун ду ахьа динарг? Хьо волчу веана волу Абунар дӀа хӀунда вахийтира ахьа? Ткъа хӀинца иза дӀа ма ваха! 25 Хьуна вевзаш ма ву Неран кӀант Абунар. Иза хьо леван веана, хьан чувогӀу а, араволу а некъаш довзархьама а, ахьа хӀун леладо хаархьама а».
26 Дауд волчуьра ара а ваьлла, Йоаба Абунарна тӀаьхьа геланчаш бахийтира. Цара иза Сирин гӀунна тӀера дуьйна юхаверзийра, Дауде хӀумма а ца олуш. 27 Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хӀума Ӏоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ӀасахӀалан цӀий бахьана долуш.
28 ТӀаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кӀант Абунар валарна. 29 Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тӀе дужийла и цӀий. Цуьнан цӀентӀахь гуттара а хуьлийла дегӀа тӀехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Ӏасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а». 30 Йоаба а, цуьнан вашас Абушайс а Абунар вийна, цо ГавӀонахь хиллачу тӀамехь шайн ваша ӀасахӀал вийна дела.
31 Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тӀера бедарш этӀа а яй, шаьш гӀайгӀане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дӀахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара. 32 Иза Хьевронехь дӀавоьллича, цуьнан коша тӀехь паччахь чӀогӀа вилхира. Дилхира дерриге а халкъ. 33 Абунар дагавоуьйтуш, паччахьо хӀара гӀайгӀане назма элира:
«Сонтачу стеган санна, валар хила дезарий техьа Абунаран?
34 Хьан куьйгаш дӀадихкина дацара,
хьан когаш буржалш тоьхна бацара.
Талорхойн карах велларг санна, хьо а велла».
Массо а халкъ цунна тӀехь доьлхуш дара.
35 Цу дийнахь дукха нах тӀебаьхкира Даудана, цуьнга яа хӀума яа бохуш. Амма Дауда, дуй а бууш, чӀагӀо йинера: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса малх чубуззалц баьпках я кхин йолчу юучу хӀуманах мотт тохахь», – аьлла. 36 Дерриг а халкъана иза хиира. Царна иза чӀогӀа тайнера, паччахьо деш долу массо а хӀума санна. 37 Цу дийнахь дерриг а Исраилан халкъана хиира, Неран кӀант Абунар вуьйш паччахьо дакъа ца лаьцнийла. 38 Дауда шен ялхошка элира: «Шуна хаьий, тахана Исраилан пачхьалкхехь воккха баьчча веллийла? 39 Со хӀинца а сайн даржехь чӀагӀвелла дӀахӀоьттина вац, паччахьалла дӀакхехьа къобалвина велахь а. Тахана Царуятан кӀентий сол сов ницкъ болуш бу. Цундела Везачу Эло, церан зуламашка хьаьжжина, вониг дойла царах хӀоранна а».
4Иш-Бошат вер
1 Шаулан кӀант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дӀахиъча, чӀогӀа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а. 2 Шаулан кӀентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла – БаӀний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цӀийнах волчу баировтхочун Римунан ши кӀант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогӀуш хилла. 3 Баировтхой бевдда ГӀитайме дӀабахана. Уьш хӀинца а цигахь тӀебаьхкина нах санна Ӏаш бу.)
4- 4:4 Дауд 9:3. Шаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра.
5 Баировтхо волчу Римунан ши кӀант Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дӀакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоӀуш, шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. 6 Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира+ 4:6 *Цхьана ширачу гочдар тӀехь: *Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира. *Ӏебархойн тептар тӀехь дӀаяздина ду: *Рахбий, БаӀний, шаьшшиъ кӀа оьшуш веача санна, цуьнан цӀа чу велира.*. Цуьнан гайх тур а Ӏоьттина, уьш бевдда дӀабахара. 7 И шиъ Иш-Бошатан дӀавуьжучу цӀа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тӀаьхьа, цара цуьнан корта, тӀера а баьккхина, шайца дӀабаьхьира. Буьйса дӀаяллалц, Йордан-хин тогӀехула дӀаихира и шиъ. 8 Иш-Бошатан корта Хьевронехь Ӏаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХӀара, хьо вен гӀерташ, хьуна тӀаьхьаваьлла леллачу хьан мостагӀчун Шаулан кӀентан Иш-Бошатан корта бу. ХӀинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тӀаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш».
9 Дауда баировтхо волчу Римунан кӀенташка элира: «Массо а халонех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас. 10- 4:10 Дауд 1:1-16. Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дӀаваьлла“. Амма, цунна совгӀат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагӀахь, схьа а лаьцна, вийра. 11 Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?» 12 Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.
5Исраилхоша Дауд шайн паччахь вина дӀахӀоттаво
(1 Шерашкахь 11:1-9; 14:1-7)
1 Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду. 2 Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». 3 Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара. 4- 5:4, 5 Сулим 2:11; 1 Шерашкахь 3:4; 29:27. Паччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 5 Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.
Дауда Ярушалайм-гӀала схьайоккху
6- 5:6 Куьйгалхой 1:21. Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. 7 Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира.
8 Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“ болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац».
9 Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш. 10 Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.
11 Цора-гӀалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тӀулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цӀенош дира. 12 ТӀаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а.
13 Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гӀарбаш-зударий а бигира. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира Даудан. 14 Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, 15 Ибхьар, Эли-ШуӀа, Непаг, ЯпияӀ, 16 Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.
Дауда пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бо
(1 Шерашкахь 14:8-17)
17 ПӀелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дӀахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чӀагӀйина йолчу меттиге дӀавахара. 18 Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 19 Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?»
Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».
20 Дауда, БаӀал-Паруциме а вахана, пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цӀе, БаӀал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 21 ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.
22 Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 23 Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 24 Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 25 Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.
6Делан деза тӀорказ Ярушалайме схьадохьу
(1 Шерашкахь 13:1-14; 15:25–16:6, 43)
1 Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тӀемалой шена тӀекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира. 2- 6:2 Арадаккхар 25:22. Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб- малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг. 3- 6:3 Шамъал 7:1, 2. Деза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара. 4 Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара. 5 Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, горгалешца а, негӀарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара. 6 Нахонан хьаьтта кхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела. 7 Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира. 8 ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина таӀзар дар» бохург ду).
9 Цу дийнахь Дауд чӀогӀа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тӀорказ со волчу муха дахьар ду?» 10 Даудана ца лиира Везачу Элан тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира. 11- 6:11 1 Шерашкахь 26:4, 5. Деза тӀорказ гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан дерриг цӀа а декъалдира.
12 Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира. 13 Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда. 14 Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара. 15 Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.
16 Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. 17 Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира. 18 Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. 19- 6:19, 20 1 Шерашкахь 16:43. Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цӀа дахара.
20 Шен цӀа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоӀа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гӀарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»
21 Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цӀийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дӀахӀоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву. 22 Сайн бӀаьргашкахь со кхин а кӀезиг хилла дӀахӀуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гӀарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна».
23 Шаулан йоӀан Михулин ша елла дӀаяллалц бераш ца хилла.
7Даудана Делера бина хаам
(1 Шерашкахь 17:1-15)
1 Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера. 2 ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».
3 Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву». 4 Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: 5 «Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг? 6 Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. 7 Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“
8 Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 9 Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 10 Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, 11 мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла. 12- 7:12 Забур 88:4, 5; 131:11; Яхьъя 7:42; Векалийн 2:30. Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду. 13 Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву. 14- 7:14 Забур 88:27, 28; 2 Коринтхошка 6:18; Ӏебархошка 1:5. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна. 15 Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. 16- 7:16 Забур 88:37, 38. Хьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» 17 Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.
Дауда Деле доӀа до
(1 Шерашкахь 17:16-27)
18 ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 19 Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла? 20 ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла. 21 Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш. 22 Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 23- 7:23 Карлабаьккхинарг 4:34. Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь. 24 Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина.
25 Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа, 26 массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 27 Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира.
28 Сан Хьалдолу Эла! Хьо – Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь! 29 Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».
8Даудан тӀеман толамаш
(1 Шерашкахь 18:1-17)
1 Цул тӀаьхьа Дауда пӀелаштамхошна тӀехь толам баьккхира. Иштта, цо пӀелаштамхойн карара цу лаьтта тӀехь хилла олалла схьадаьккхира.
2 Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.
3 Рахьубан кӀант ХӀадад-Ӏезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. 4 Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.
5 Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира. 6 Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура. 7 ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара. 8 ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира.
9 Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла. 10 ТӀаккха ТоӀас шен кӀант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, Йорама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара. 11 Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хӀума санна, 12 эдомхошкара+ 8:12 *Грекийн гочдар тӀехь: *эдомхошкара. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *арамхошкара.* а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кӀантера ХӀадад-Ӏезарера ша схьадаьккхинарг санна.
13- 8:13 Забур 59:1. Дуьрачу тогӀи чуьра, берхӀитта эзар эдомхо+ 8:13 *Эдомхо *– иштта ду цхьадолчу ширачу тептарш тӀехь. Амма Ӏебархойн тептар тӀехь: *арамхо.* а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чӀогӀа сий деш цӀе яккха йолийра. 14 Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура.
15 Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. 16 Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо вара. 17 Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхӀу йозанчин болх беш вара. 18 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний+ 8:18 *Кератхой, палетхой *– кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.* тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчаш+ 8:18 *«1 Шерашкахь» 18:17 а хьаьжна: *паччахьан хьехамчаш. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *динан дай.* бара.
9Дауд Шаулан доьзалца къинхетаме хилар
1- 9:1 Шамъал 20:15-17. Дауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа».
2 Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?»
Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».
3- 9:3 Дауд 4:4. Паччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра».
Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш».
4 Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?»
Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву».
5 Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.
6 Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!»
Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».
7 Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».
8 Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи».
9 Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало. 10 Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.)
11 Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду».
Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна. 12 Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла. 13 Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла.
10Дауда Ӏамминхой а, арамхой а эшор
(1 Шерашкахь 19:1-19)
1 Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни. 2 Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан.
Даудан ялхой Ӏамминхойн махка бахара. 3 Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гӀалахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза йохо дагахь».
4 Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хӀораннан а ах маж дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира. 5 Иза шена дӀахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», – аьлла.
6 Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира. 7 Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш. 8 Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла дӀахӀиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТӀобера а, МаӀхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.
9 МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира. 10 Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дӀабелира Ӏамминхошна дуьхьалбаха. 11 Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду. 12 Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».
13 Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара. 14 Ӏамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гӀала дӀабахара. Ӏамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.
15 Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дӀахӀоттийра. 16 ХӀадад-Ӏезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Ӏаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. 17 И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тӀе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дӀахӀиттира. Уьш вовшех летира. 18 Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ бӀе хӀаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. 19 ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Ӏамминхошна гӀо дан кхин ца хӀуттура.
11Дауд Бат-ШабаӀах кхета
1- 11:1 1 Шерашкахь 20:1. Шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.
2 Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра. 3 Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиӀаман йоӀ Бат-ШабаӀ ю, хьетахо волчу УръяхӀун зуда а ю». 4 Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цӀанъялар цу зудчо хӀинца чекхдаьккхинера.) ТӀаккха иза шен цӀа яхара. 5 Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира.
6 Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхӀу», – аьлла. Йоаба УръяхӀу Дауд волчу дӀавахийтира. 7 УръяхӀу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тӀамах лаьцна а хеттарш дира. 8 Цул тӀаьхьа Дауда УръяхӀуга элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн ши ког била». УръяхӀу паччахьан цӀа чуьра аравелира. Цунна тӀаьхьа совгӀатна паччахьо даар-малар дахьийтира. 9 Амма УръяхӀу шен цӀа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цӀийнан ков долчу дӀавижира иза. 10 Дауде, УръяхӀу шен цӀа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тӀаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цӀа хӀунда ца вахара хьо?»
11 УръяхӀус Дауде элира: «Делан тӀорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхӀудан халкъ а четарш кӀелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Ӏийр вара со, сайн цӀа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дӀа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла».
12 ТӀаккха Дауда УръяхӀуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дӀавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тӀекхаччалц, УръяхӀу Ярушалаймехь сецира. 13 Дауда УръяхӀу ша волчу дӀакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Ӏийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхӀу юха а, шен цӀа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дӀавижа вахара.
14 ШолгӀачу Ӏуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхӀуца дӀадахьийтира. 15 Кехата тӀехь Дауда яздира: «УръяхӀу тӀамехь хьалхахь лаьтташ болчу тӀемалошца дӀахӀоттаве, уггар чӀогӀа тӀом бечу меттехь. Цул тӀаьхьа, цунна уллора дӀа а довлий, иза вейта». 16 Леррина гӀала дӀахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Ӏамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхӀу дӀавахийтира цо. 17 ГӀалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тӀом бан хӀиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхӀу а вара царах цхьаъ.
18 Йоаба тӀамехь мел хилларг Дауде дӀадийца стаг вахийтира. 19 Ша вохуьйтуш волчу геланчина тӀедиллира Йоаба: «Хьо тӀамах лаьцна паччахьна дӀадийцина ваьлча, 20 хьайна иза оьгӀазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гӀалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхуьссур дуйла? 21- 11:21 Куьйгалхой 9:53. Хьан вийна Яруб-Бошатан кӀант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тӀе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гӀалин гонахарчу пенна сел улло?“ – ала мега. Цо иза аьллачул тӀаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхӀу а вийна“ – алий».
22 Геланчо, дӀа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тӀамах лаьцна шадерг а дӀадийцира. 23 Цо шен къамелехь кхин а тӀетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тӀелетира. Оха цаьрца тӀом болийра, цул тӀаьхьа, лаьхкина, уьш гӀалин кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бигира. 24 Цул тӀаьхьа хьан эскархой болчийн агӀор гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхӀу а».
25 ТӀаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахӀотторхьама: «И хӀума бахьана долуш хьо юьхьӀаьржачу ма хӀотта. ТӀамехь тур цкъа цхьанна кхета, тӀаккха вукхунна кхета. ТӀом чӀагӀ а бе, и гӀала хӀаллак а е».
26 Шега УръяхӀу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаӀ шен майрачунна тийжира. 27 Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаӀ шен цӀа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира, цо Даудана кӀант а вира. Амма Везачу Элана и хӀума ца дезаделира.
12ТаӀзар а, гечдар а
1- 12:1 Забур 50:1. Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гӀалахь Ӏаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. 2 Хьалдолчун дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а хилла. 3 Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Ӏахар бен, кхин хӀумма а ца хилла. Цо, яа хӀума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Ӏахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дӀакховдийна долу бепиг дууш хилла Ӏахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тӀехь дӀабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоӀ санна хеташ хилла иза. 4 Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагӀашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хӀума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагӀ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира».
5 Дауд цу стагана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хӀума дина волу стаг вен ма веза! 6 Цу уьстагӀна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хӀунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хӀума ша деш».
7 ТӀаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кӀелара схьа. 8 Аса хьан элан цӀа а, цуьнан зударий а хьуна дӀабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кӀезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. 9 Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти. 10 Цундела тур хьан цӀенна массо а хенахь кхераме хир ду, хӀунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхӀун зуда хьайна дӀайигна“. 11- 12:11, 12 Дауд 16:22. Везачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цӀа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чӀогӀа хьомсара хеташ волчу стагана дӀалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза. 12 И санна долу хӀума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дӀа а хоуьйтуш, дийр ду“».
13 ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна».
Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. 14 Амма, хьайгара далийтинчу цу хӀуманехула хьо Везачу Элах чӀогӀа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кӀант лийр ву». 15 Ната шен цӀа вахара.
Даудан а, Бат-ШабаӀан а бер далар
Везачу Эло УръяхӀун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чӀогӀа цомгуш хилира. 16 Дауд, и бер Деле доьхуш, доӀа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цӀа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда. 17 Цуьнан цӀийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагӀатто гӀерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гӀаьттира, цаьрца цо яа хӀума а ца йиира. 18 ВорхӀалгӀачу дийнахь бер делира. Даудан ялхой цунах кхоьрура и бер деллий дӀахаийта. Цара бохура: «И бер дийна долчу хенахь а цо тхо тергал ца дора. И бер делла хилар оха муха хаийта деза цуьнга? Цо цхьа доьхна дерг дан там бу».
19 Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТӀаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?»
Ялхоша жоп делира: «Делла».
20 ТӀаккха Дауд, лаьттара хьала а гӀаьттина, лийча а лийчина, шена тӀе даьтта а хьаькхна, тӀера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Ӏибадат дан вахара. Цигара цӀа веанчул тӀаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хӀума йиира. 21 Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тӀаьхьа, хьо хьала а гӀаьттина, бепиг дууш ма ву?»
22 Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хӀунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара. 23 Ткъа хӀинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дӀагӀур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».
Сулим дуьнен чу валар
24 Дауда шен зудчун Бат-ШабаӀан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дӀавижира. Бат-ШабаӀа юха а кӀант вира Даудана. Цунна Сулим цӀе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, 25 цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду).
Дауда Рабба-гӀала схьайоккху
(1 Шерашкахь 20:1-3)
26 Йоаб Ӏамминхойн Рабба-гӀалина дуьхьал тӀом беш вара. Цуьнан паччахьан гӀап схьаяьккхира цо. 27 Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гӀалахь тӀом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна. 28 Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гӀалина тӀе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цӀе тилла езар ю». 29 Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гӀала вахара, цо тӀамца иза схьа а яьккхира. 30 Дауда церан паччахьан коьртара+ 12:30 *Церан паччахьан коьртара *– я иштта: *МилкӀом-цӀун коьртара.* деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара. 31 Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
13Амнан а, Тамара а
1 Даудан кӀентан Абушаламан, Тамара бохуш цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кӀантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла. 2 Иза дукха чӀогӀа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоӀстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла. 3 Цуьнан, ЯхӀу-Надаб бохуш цӀе а йолуш, доттагӀа хилла. Иза Даудан вешин ШимӀин кӀант вара. ЯхӀу-Надаб чӀогӀа хӀилла долуш стаг вара. 4 Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогӀуш ма ву, паччахьан кӀант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хӀун хилла?»
Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна».
5 ЯхӀу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“». 6 Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хӀуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра».
7 Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цӀа а гӀой, цунна яа хӀума кечъе аьлла.
8 Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Ӏуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хӀуманаш а йира. 9 Чохь мерза хӀуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хӀума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира. 10 Цул тӀаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дӀавуьжучу цӀа чу дӀахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дӀавуьжучу цӀа чу дӀаяьхьира. 11 Цо юург шена хьалха охьахӀоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша».
12 Амма Тамарас элира: «ХӀан-хӀа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хӀума лелош дац. И сонта хӀума ма де. 13 Аса хӀун дан деза, ахьа со юьхьӀаьржачу хӀоттийначул тӀаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дӀаяла». 14 Амма иза Тамарига ладогӀа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира.
15 Цул тӀаьхьа Амнан цуьнца чӀогӀа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чӀогӀа чӀагӀбеллера. Амнана элира: «Хьала а гӀаттий, дӀагӀо».
16 ТӀаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дӀа. ХӀинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чӀогӀа ду».
Амма иза цуьнга ладогӀа лууш вацара. 17 Цо шен гӀуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тӀаьхьа неӀаран гӀуй дӀаболла». 18 Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тӀаьхьа неӀ дӀакъевлира.
Тамарина тӀехь еха бедарш+ 13:18 *Еха бедарш *– я иштта: *хаза кечйина бедарш.* яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора. 19 Тамара, шен коьрта тӀе чимаш а тесна, шена тӀехь йолу еха бедарш этӀа а йина, коьрта тӀе ши куьг а диллина, тийжаш йогӀуш яра. 20 Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хӀума хьайна чӀогӀа тӀе ма оза». ХӀусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цӀахь ша Ӏаш яра.
21 Шена и хӀума дӀахиъча, Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара. 22 Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бӀаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.
Абушалама дӀадоькху
23 Ши шо дӀадаьллачул тӀаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаӀал-ХьацӀарахь шен уьстагӀий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кӀентий кхайкхира ша волчу. 24 Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагӀий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».
25 Амма паччахьо Абушаламе элира: «Сан кӀант, тхо шадерш а догӀур дац цига, хьуна новкъарло ца ян». ЧӀогӀа дехар дира Абушалама шен дега, амма Дауда иза, декъал а вина, дӀавахийтира.
26 ТӀаккха Абушалама элира: «Хьан цига ван карх ца далахь, соьца сан ваша Амнан мукъана а ваийтахьа».
Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀунда вогӀуш ву иза хьоьца?»
27 Амма Абушалама чӀогӀа дехар дина дела, паччахьо цуьнца Амнан а, шен массо кӀант а вахийтира. ТӀаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира+ 13:27 *ТӀаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира *– иштта цхьадолчу ширачу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду.*.
28 Абушалама шен ялхошна тӀедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагӀар меллачул тӀаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТӀетоха цунна“, – аьллачул тӀаьхьа, Амнан, вей, дӀаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хӀума аса тӀедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила». 29 Абушалама шайна тӀедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кӀентий, хьала а гӀевттина, шайн бӀарзанаш тӀе а хевшина, дӀабевдира.
30 Уьш дӀакхачале, Дауде хаам кхечира, Абушалама паччахьан берриге а кӀентий байина аьлла. 31 Паччахь, хьала а гӀаьттина, шена тӀера бедарш этӀа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тӀера бедарш этӀийра. 32 Амма Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀу-Надаба элира: «Сан элана ма моьттийла шен массо а кӀант вийна. Вийнарг Амнан бен вац. Шен йиша Тамара цо хьийзийначу дийнахь дуьйна и бекхам бан гӀерташ вара иза. 33 Массо паччахьан кӀант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна».
34 Ткъа Абушалам ведда дӀавахнера. ГӀалин ков тергалдечу жимачу кӀантана гира Хьоронаймерачу некъа тӀехула лам тӀера охьабуьссуш дукха нах. ТӀаккха кӀанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тӀехула лам тӀера охьабогӀу дукха нах»+ 13:34 *ТӀаккха кӀанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тӀехула лам тӀера охьабогӀу дукха нах» *– иштта Грекийн меттан тептар тӀехь тӀетоьхна ду.*. 35 ЯхӀу-Надаба паччахье элира: «Гой хьуна! Ас ма-аллара, и богӀуш берш паччахьан кӀентий бу». 36 Цуьнан багара и дешнаш довллушехь, паччахьан кӀентий, белха а боьлхуш, схьакхечира. Дауд а, цуьнан ялхой а чӀогӀа боьлхуш бара.
37- 13:37 Дауд 3:3. Ткъа Абушалам, ведда дӀа а вахана, Гешурара паччахь волу ӀамихӀудан кӀант Талмай волчохь дӀалечкъира. Дауд-паччахь хӀора дийнахь шен кӀантана воьлхура. 38 Абушалам, Гешура ведда дӀа а вахана, кхаа шарахь цигахь Ӏийра. 39 Амнан валар бахьана долуш хилла болу сингаттам шена тӀерабаьлча, Абушаламна тӀаьхьаваьлла лела кхин ца лиира Даудана.
14Йоабехула Абушалам Ярушалайме юхаверзар
1 Царуятан кӀантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла. 2 Цундела Йоаба ТакхоӀ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тӀеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чӀогӀа гӀайгӀане ю моттийта, хьайна тӀе Ӏаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела. 3 Цул тӀаьхьа, паччахь волчу а гӀой, цуьнга хӀара дешнаш дӀаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дӀахьийхира.
4 ТакхоӀ-гӀалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьӀира иза. Зудчо элира: «ГӀо дехьа суна, паччахь!»
5 Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун сингаттам бу хьоьгахь?»
ТӀаккха зудчо элира: «Со йисина Ӏаш ю, сан майра велла. 6 Хьан лай йолчу сан ши кӀант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна. 7 ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».
8 ТӀаккха паччахьо элира: «ПаргӀат хьайн цӀа гӀо, хьан дуьхьа ас-айса гӀайгӀа бийр бу цу гӀуллакхан».
9 Амма ТакхоӀарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тӀехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хӀуманна бехке дац».
10 ТӀаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тӀе куьг хьор дац хьуна».
11 ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий».
Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».
12 Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хӀума а алийтахьара ахьа хьайга».
Паччахьо элира: «Йистхила».
13 Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хӀунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хӀунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кӀант цӀа ца верзаво. 14 Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта. 15 Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дӀаала еана, хӀунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо. 16 Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгӀна, Дала суна а, сан кӀантана а делла долу доьзалан латта хӀаллакдан гӀерташ волчун карара шен лай йолу со кӀелхьарйоккхур ю“. 17- 14:17 Дауд 19:27. ТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла».
18 Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хӀинца хьайга динчу хаттарна соьга, хӀумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь».
Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».
19 Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?»
Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла. 20 Хьан лай волчу Йоабан Ӏалашо и хӀума вукху агӀор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хӀума хаархьама».
21 ТӀаккха паччахьо Йоабе элира: «ХӀинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гӀой, жима стаг Абушалам цӀа верзаве».
22 Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХӀинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хӀунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгӀи». 23 Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо. 24 Паччахьо элира: «Шен цӀа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цӀа веара, амма шен дена тӀекхача йиш йолуш вацара иза.
Абушалам шен деца бертавоьду
25 Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цӀе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц цхьа а айпе хӀума дацара цунна тӀехь. 26 Цо хӀора шарахь цкъа шен корта дӀабошура, хӀунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дӀабаьшначул тӀаьхьа месаш оьзча, уьш ши бӀе шекхал+ 14:26 *Ши бӀе шекхал *– иза ши кийла ю.* гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь. 27 Цуьнан кхо кӀант а, Тамара бохуш цӀе а йолуш, цхьа йоӀ а яра. Тамара чӀогӀа хаза зуда яра.
28 Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира. 29 Абушалама Йоабана тӀе стаг вахийтира, иза шен дена тӀе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тӀе ван. Цо шолгӀа а стаг вахийтира, Йоабана тӀе, амма важа юха а тӀе ца веара. 30 ТӀаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Ӏуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тӀеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гӀой, цунах цӀе таса». Ялхоша мекхах цӀе тесира.
31 ТӀаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тӀехь цӀе хӀунда тесна?»
32 Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хӀунда валийна? Суна цигахь Ӏийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дӀаваккхийта цуьнга».
33 Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Дауда Абушалам шена тӀе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьӀира. Паччахьо цунна барт баьккхира.
15Абушаламна Даудера паччахьалла схьадаккха дагадогӀу
1 Цул тӀаьхьа Абушалама шена гӀудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира. 2 Иза, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀоттий, гӀалина чувогӀучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дӀахӀуттура. Шена уллохула паччахьна тӀе цхьа гӀуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тӀе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гӀалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча, 3 цо олура: «Ахьа деана гӀуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цӀарах хьоьга ладогӀа стаг вац». 4 Цо кхин а тӀетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хӀора стагана гӀо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гӀуллакх дахьаш сайна тӀевеъначу муьлххачу а стеган гӀуллакх нийса къастор дара аса». 5 Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тӀевеача, куьйгаш хьалха дӀа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура. 6 Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тӀекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тӀедерзийра.
7 Диъ+ 15:7 *Грекийн гочдар тӀехь: *диъ шо. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *шовзткъа шо.* шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со. 8 Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Ӏаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь+ 15:8 *Хьевронехь *– иштта цхьадолчу грекийн гочдарш тӀехь тӀетоьхна ду.* Ӏамал йийр ю“», – аьлла.
9 Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гӀойла хьо». Абушалам, хьала а гӀаьттина, Хьевроне дӀавахара. 10 Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дӀасабахийтира. Цо царна тӀедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маӀа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дӀахӀоьттина!“» 11 Абушаламца ши бӀе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гӀуллакхех хӀумма а ца хаьара. 12 СагӀа доккхучу хенахь Абушалама шена тӀе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гӀалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чӀагӀлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.
Дауд а, цуьнца хилларш а Ярушалаймера бевдда дӀабахар
13 Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина».
14 Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».
15 Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду». 16 Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама.
17 Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира. 18 Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а+ 15:18 *Кератхой, палетхой *– кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.*, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара. 19 ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу. 20 Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда+ 15:20 *Грекийн гочдар тӀехь: *Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Баккъалла болу тешам хуьлда хьоьца.*».
21 ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».
22 ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира. 23 Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара.
24 ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц. 25 Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. 26 Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». 27 Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву!+ 15:27 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Хьо Делера дерг гуш верг ма ву. *Грекийн гочдар тӀехь: *Хьажал!* Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву. 28 Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». 29 ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.
30 Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара. 31 Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»
32 Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра. 33 Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву. 34 Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“. 35 Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца. 36 ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».
37 Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.
16Цубина Дауд дуьхьалкхета
1- 16:1 Дауд 9:9, 10. Дауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара. 2 Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?»
Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цӀенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тӀехь дӀасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тӀемалошна даа деана. Ткъа чагӀар яьссачу аренгахь болчу гӀора дӀадаьллачарна мала деана».
3- 16:3 Дауд 19:25-27. Паччахьо элира: «Хьан элан кӀентан кӀант мичахь ву?»
Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХӀинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“».
4 ТӀаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хӀума аса хьуна дӀало».
Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаӀабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»
ШамаӀис Даудана неӀалт олу
5 Дауд Бахьруме дӀакхаьчча, цигара Шаулан цӀийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цӀе ШамаӀи яра. Иза Герин кӀант вара. ШамаӀи, неӀалташ а кхайкхош, 6 Даудана а, цуьнан ялхошна а тӀулгаш кхуьссуш вогӀуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агӀор дӀахӀиттина бара. 7 НеӀалташ а кхайкхош, ШамаӀис бохура: «ДӀавала, дӀагӀо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! 8 Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тӀаьхьенан цӀий Ӏанор бахьана долуш а, цул тӀаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дӀаделла хьан кӀант волчу Абушаламан кара. Ткъа хӀинца хьо баланехь ву, хьо цӀий Ӏанош верг хилар бахьана долуш».
9 Царуятан кӀанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жӀаьло сардамаш хӀунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу».
10 Амма паччахьо элира: «ХӀун дийр ду аса шуна, Царуятан кӀентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хӀунда леладо?“ – ала мила ву?» 11 Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кӀант а со вен араваьлла хилча, хӀокху бен-яманхочун хӀун бехк бу? Ӏадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. 12 Тахана сан бала+ 16:12 *Цхьадолчу тептарш тӀехь: *сан бала. *Ӏебархойн тептар тӀехь: *суна дина вониг.* Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». 13 Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дӀабоьлхуш бара, ткъа ШамаӀи Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа ца волура. Ламанан басехула схьавогӀуш вара иза, Дауд волчу агӀор тӀулгаш а, чан а кхуьйсуш. 14 Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чӀогӀа кӀадбелла хиларна, цигахь садаьӀира.
Ахьи-Тупала Даудах лаьцна хьехар до
15 Ткъа Абушалам, шеца дерриг а Исраилан халкъ а долуш, Ярушалайме схьавеара. Цуьнца цхьаьна Ахьи-Тупал а вара. 16 Даудан доттагӀа волчу Ӏаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!»
17 ТӀаккха Абушалама цуьнга хаьттира: «Иштта тешаме ву-кх хьо хьайн доттагӀчунна? Цуьнца дӀа хӀунда ца вахара хьо?»
18 «ХӀан-хӀа, – элира Хьушайс Абушаламе – Со Везачу Эло а, хӀокху халкъо а, массо а исраилхоша а хаьржинчуьнца хир ву. Со цуьнца соцур ву. 19 Цу тӀе, хьанна гӀуллакх деш хир ву со? Цуьнан кӀантана хир вац? Со хьан ден гӀуллакххо ма-хиллара, иштта хьуна а гӀуллакххо хир ву».
20 Абушалама Ахьи-Тупале элира: «Хьехам бехьа, вай хӀун дан деза?»
21 Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цӀа Ӏалашдан битинчу цуьнан гӀарбаш-зударшца дӀавижа. ТӀаккха массо а исраилхошна дӀахезар ду, хьо хьайн дена бӀаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тӀаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чӀогӀа тешаме болуш дӀахӀуьттур бу». 22- 16:22 Дауд 12:11, 12. Шерачу тхов тӀехь Абушаламна четар хӀоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гӀарбаш-зударех кхийтира.
23 Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чӀогӀа ладогӀа дезаш болу хьехамаш бара.
171 Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву. 2 Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац. 3 Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду+ 17:3 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Аса массо а адам... Ӏийр ду. *Грекийн гочдар тӀехь: *Нускал шен майрачунна тӀе ма-дерззара, аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Хьуна цхьа са бен ден ма ца лаьа, ткъа важа нах кхерам боцуш хир бу.*». 4 Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.
Хьушайс дина долу хьехар
5 Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай». 6 Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».
7 Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац. 8 Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац. 9 Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“ – аьлла. 10 ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а. 11 Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза. 12 Цул тӀаьхьа вай Даудана тӀелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тӀелетар ду, Ӏуьйранлера тхи лаьтта тӀе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна. 13 Нагахь санна иза цхьана гӀала дӀаводахь, массо а исраилхоша и гӀала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гӀалин пенаш тогӀи чу такхор ду, тӀаккха цу гӀалех цхьа а тӀулг буьсур бац».
14 Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тӀе бохам баийтархьама.
Хьушайс динчу хьехаро Даудан цӀа кӀелхьардоккху
15 Динан дай болчу ЦӀадукъе а, Абу-ЯтӀарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира. 16 Ткъа хӀинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Ӏаш, цу хил дехьа а валий, цигара дӀавала, хӀунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хӀаллакбаран кхерам бу“».
17 Динан ден кӀентий ЯхӀуната а, АхьимаӀац а Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГӀалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дӀадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира. 18 Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогӀучу кӀанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дӀа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гӀу яра. И шиъ цу чу воьссира. 19 Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гӀуна тӀе тесира, ткъа шаршуна тӀе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта. 20 Абушаламан тӀемалоша, цу зудчун цӀа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхӀунатий, АхьимаӀацций?»
Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дӀабахара».
Лехначул тӀаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дӀабахара. 21 Уьш дӀабаханчул тӀаьхьа ЯхӀунатий, АхьимаӀацций, гӀуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дӀагӀо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина». 22 Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.
23 Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тӀе нуьйр а тиллина, иза ша Ӏийначу гӀала дӀавахара. Шен тӀаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тӀаьхьа иза шен ден коша чу дӀавоьллира.
Дауд Махьанаймехь хилар
24 Дауд Махьанайме схьавеара, ткъа Абушалам, массо а исраилхо шеца цхьаьна а волуш, Йордан-хил дехьавелира. 25 Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Ӏамасаъ дӀахӀоттийнера. Ӏамасаъ Исраилара+ 17:25 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *Исраилара. *Цхьана грекийн гочдар тӀехь: *ИсмаьӀалара.* ИтӀар цӀе йолчу цхьана стеган кӀант вара. ИтӀаран нана АбигӀал яра. Иза Нахьашан йоӀ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра. 26 Абушалама, шеца дерриг а Исраилан халкъ цхьаьна а долуш, галӀадхойн лаьтта тӀехь шен меттамотт дӀахӀоттийра.
27 Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Ӏамминхойн Рабба-гӀалара волчу вахархочун Нахьашан кӀанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Ӏамиалан кӀанта Макира а, РогӀлаймарчу галӀадхочо Барзалайс а 28 цхьаболу мотт-гӀайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегӀаш а еара. Цара иштта кӀа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, 29 моз а, даьтта а, уьстагӀий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кӀалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гӀел а делла, мац а делла, хьаг а делла».
18Абушалам эшор а, вер а
1 Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тӀехь цхьа бӀе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дӀахӀиттийра. 2 Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дӀахьажийра цо. ШолгӀа тоба – Йоабан ваша волчу Царуятан кӀант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгӀа тоба гатихо волчу Итица дӀаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогӀур ву шуьца».
3 Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дӀадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хӀаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ – итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гӀалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гӀо даийтича гӀолехь ду».
4 Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дӀахӀоьттира. Адам гӀалара бӀе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара. 5 Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» – аьлла. Массарна а дӀахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.
6 Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира. 7 Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Ӏуьллуш. 8 Гонах, массо а меттехула, дӀабаьржира тӀом. Адам хьун бахьана долуш дукха хӀаллакьхилира, тур бахьана долчул.
9 Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тӀемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбӀарзанна тӀехь дӀавоьдуш вара. ВирбӀарза доккхачу ножан диттан генашна кӀелхула дӀайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дӀатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбӀарза едда дӀаяхара. 10 И сурт гина волчу цхьана тӀемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тӀехь кхозуш ву» – аьлла.
11 Йоаба шега и хаам бина волчу стаге элира: «Хьайна иза гина хилча, иза, тоьхна, лаьтта охьа хӀунда ца виллира ахьа? Аса итт шекхал детий, доьхкий лур ма дара хьуна».
12 Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кӀантана тӀе куьг хьур дацара, хӀунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“ 13 Нагахь санна аса, ахьа бохург а дина, Абушалам вийна хиллехь, иза паччахьна ца хууш дуьсур дацара. ТӀаккха хьо, суна генна а ваьлла, дӀахӀуттур вара».
14 Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тӀехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира. 15 Йоабан герз лелош волчу итт къона тӀемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дӀаваьккхира.
16 Йоаба коьман маӀа лекхира. Цуьнан эскар исраилхошна тӀаьхьадаьллачуьра юхадирзира. Уьш Йоаба кхоийра. 17 Цара Абушаламан дакъа, дитт тӀера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тӀе тӀулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цӀа чу а вахана, дӀасаваьллера.
18 Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогӀи чохь Абушалама ша-шена хӀоллам хӀоттийнера. ХӀеттахь цо аьлла хилла: «ЦӀе йиц ца яйта цхьа а кӀант вац сан». Цу хӀолламна цо шен цӀе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хӀоллам» аьлла, цӀе йоккху цуьнан.
Даудана, Абушалам кхелхина аьлла, дӀахеза
19 ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагӀех кӀелхьарваьккхина аьлла».
20 Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гӀур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хӀунда аьлча велларг цуьнан кӀант ву». 21 Цул тӀаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гӀой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дӀадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таӀийна, сихха Дауд волчу вахара.
22 Амма ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца, ша аьллачунна тӀера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХӀуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца».
Йоаба цуьнга элира: «ХӀунда воьду хьо цуьнца, сан кӀант? Ахьа дӀабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац».
23 АхьимаӀаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига».
ТӀаккха Йоаба элира: «Вада, гӀо». АхьимаӀац Йордан-тогӀи чохь болчу новкъахула ведда дӀавахара. Иза хушахочул хьалха дӀакхечира цига.
24 Дауд шина кевнна юккъехь Ӏаш вара. Кевнан тхов тӀе ваьллачу гӀаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогӀучу стагах бӀаьрг кхийтира. 25 Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогӀуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогӀуш вара.
26 ГӀаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогӀуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогӀуш».
Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву».
27 ГӀаролхочо элира: «Суна хьалха вогӀуш волчун болар го. Иза ЦӀадукъин кӀентан АхьимаӀацан боларх тера ду».
ТӀаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогӀуш ву».
28 АхьимаӀаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таӀийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагӀий хӀаллакбина».
29 Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?»
АхьимаӀаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чӀогӀа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа».
30 Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира.
31 Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагӀий эшийна».
32 Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргӀат вуй къона Абушалам?»
Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагӀашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!»
33 Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тӀехула дина долчу цӀа чу а вахана, вилхира иза. Цу тӀе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кӀант Абушалам! Сан кӀант, сан кӀант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кӀант Абушалам!»
19Йоаба Даудах бехк боккху
1 Йоабе хабар кхечира: «Паччахь Абушалам бахьана долуш, воьлхуш, гӀайгӀане ву», – аьлла. 2 Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гӀайгӀане де хилла дӀахӀоьттира, хӀунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кӀант бахьана долуш гӀайгӀане вуйла. 3 Шаьш гӀали чу богӀучу хенахь, тӀемалой тебна богӀуш бара, тӀам тӀера, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, бевдда богӀуш санна. 4 Ткъа паччахь, шен юьхь тӀе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кӀант Абушалам! Ва-а, сан кӀант Абушалам!» – бохуш.
5 Паччахь волчу цӀа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кӀентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гӀарбаш-зударий а кӀелхьарбаьхна волчу хьан массо а тӀемалочунна а эхь хетийти ахьа. 6 Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тӀеман хьаькамаш а, церан тӀемалой а хьайна хӀумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хӀаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар. 7 Ара а валий, вистхила хьайн тӀемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чӀагӀо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хӀоттахь, хӀара буьйса дӀаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». 8 Паччахь, хьала а гӀаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дӀакхаьчначул тӀаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира.
Дауд Ярушалайме юхаверзар
Ткъа исраилхой шайн-шайн цӀа дӀабевддера. 9 Массо а Исраилан тайпанашкахь халкъ вовшашца къийсалуш дара. Цара бохура: «Паччахьо вайн мостагӀий болчу пӀелаштамхойх кӀелхьардаьхна вай, ткъа хӀинца иза Абушаламах ведда, шен пачхьалкхера араваьлла. 10 Амма вай паччахь ван къобалвина волу Абушалам тӀамехь вийна. Ткъа хӀинца аша, паччахь юха ца верзош, хан хӀунда йолуьйту?»
11 Дауда динан дай болчу ЦӀадукъиний, Абу-ЯтӀариний тӀе стаг вахийтира хабар эцна: «ЯхӀудан къаношка дӀаала: „Паччахь юха валавеш болчарна юккъехь тӀаьххьара хила хӀунда лаьа шуна, массо а исраилхойн лаам паччахь вехаш волчу цӀен тӀе дӀакхаьчна хилча? 12 Шу сан вежарий ду, сан даьӀахкаш а, сан дилха а – шу ду. ХӀунда гӀерта шу паччахь юха цӀа валочу хенахь тӀаьххьарнаш хила?“ 13 Ӏамасаига а дӀаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тӀехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дӀа ца хӀоттавахь!“»
14 Цо берриг а яхӀудхойн дегнаш шегахьа дерзийра. Цара паччахь волчу хабар дахьийтира: «Юхаверза хьо а, хьан массо ялхой а», – аьлла.
15 Паччахь юхавирзира. Иза Йордан-хи долчу схьавеара. Массо а яхӀудхой Галгал-гӀала схьабаьхкира, паччахьна дуьхьал а бахана, иза Йордан-хил сехьаваккха. 16- 19:16 Дауд 16:5-13. Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кӀант ШамаӀи а сихвелира яхӀудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. 17 Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цӀийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кӀант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. 18 Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а.
ШамаӀис Дауде шена къинтӀеравалар доьху
Йордан-хил дехьа ваьллачул тӀаьхьа, Герин кӀант ШамаӀи паччахьна хьалха охьавуьйжира. 19 Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хӀума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. 20 Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цӀийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал».
21 Царуятан кӀанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неӀалташ кхайкхийна волу ШамаӀи вуьйр вац ткъа?»
22 ТӀаккха Дауда элира: «ХӀун дан деза аса шуна, Царуятан кӀентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хӀинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». 23 Паччахьо ШамаӀига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тӀехь чӀагӀо йира.
Мапи-Бошат паччахь волчу воьду
24- 19:24 Дауд 9:1-13; 16:1-4. Шаулан кӀентан кӀант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тӀера хӀума а ца цӀанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тӀекхаччалц. 25 Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогӀуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хӀунда ца веара?»
26 Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тӀе нуьйр тилла. Цунна тӀе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагӀа волу дела. 27 Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де. 28 Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хӀаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хӀума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хӀума бахьана долуш гӀо доьхуш кхайкха».
29 Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла».
30 Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргӀат цӀа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дӀаэцахьара».
Дауда Барзалай ша волчу дӀавоьху
31- 19:31 Дауд 17:27-29. ГалӀадхо волу Барзалай РогӀлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама. 32 Барзалай чӀогӀа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хӀума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра. 33 Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хӀума латтор ду».
34 Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кӀезиг хан ю суна йиснарг. 35 Сан хӀинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хӀумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хӀуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гӀертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? 36 Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дӀавогӀур ву. Паччахьо суна хӀунда кхачийтина те оццул йоккха ял? 37 Хьан лай волчунна ша винчу гӀалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кӀант волу хьан лай КӀамхӀам вогӀур ву сан элаца цо боххучу дӀа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца».
38 ТӀаккха паччахьо элира: «КӀамхӀам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург». 39 Дерриг а халкъ шайн паччахьца Йордан-хил дехьа делира. Барзалайна оба а яьккхина, цо иза декъалвира. Ткъа Барзалай шен цӀа юхавирзира.
Исраилхой ЯхӀуд-махкарчу халкъаца къийсало
40 Паччахь Галгал-гӀала дӀавахара. Цуьнца цхьаьна КӀамхӀам а вахара. ЯхӀудан массо а халкъ а, Исраилан халкъан ахдакъа а арадаьллера паччахьна тӀаьхьа. 41 Дукха хан ялале, исраилхоша, паччахь волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Тхан вежарий болчу ЯхӀудан халкъан божарша, хьо лачкъа а вина, хьо а, хьоьца болу нах а Йордан-хил дехьа хӀунда баьхна?»
42 ЯхӀудан халкъан божарша исраилхошка жоп делира: «Оха иза дина паччахь тхан гергара стаг волу дела. И хӀума бахьана долуш шу тхуна оьгӀаза стенна оьху? Оха цхьа а хӀума диъний паччахьан? Я цуьнгара совгӀаташ схьаэцна?»
43 Исраилхоша, яхӀудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьӀаьржачу хӀиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?»
Амма яхӀудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чӀогӀа дара.
20ШебаӀан карзахвалар
1- 20:1 Сулим 12:16; 2 Шерашкахь 10:16. Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Ӏеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кӀант ШебаӀ хилла. Цо, коьман маӀа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кӀант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цӀа дӀасадовлий вай!» 2 Массо а исраилхо, Даудах дӀа а къаьстина, Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьахӀоьттира. Ткъа Йорданна тӀера Ярушалайме кхаччалц яхӀудхой шайн паччахьна уллохь севцира.
3- 20:3 Дауд 16:22. Дауд Ярушалаймехь долчу шен цӀа веара. Цо, шен цӀа Ӏалашдеш йитина йолу итт гӀарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цӀа чохь охьахаийра, цӀенна гӀарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Ӏаш болчу зударша санна яьккхира.
4 Дауда Ӏамасаига элира: «Кхо де далале, схьакхайкха со волчу яхӀудхошка. Хьо а цигахь хила». 5 Ӏамасаъ яхӀудхошка кхайкха вахара, амма паччахьо шена билгалъяьккхина йолу хан тӀехъялийтира цо. 6 ТӀаккха Дауда Абушайга элира: «ХӀинца Бихрин кӀанта ШебаӀа Абушалама чул а чӀогӀа зен дийр ду. Сан тӀемалой схьа а эций, цунна тӀаьхьавала, чӀагӀйина йолу гӀаланаш а карийна, иза вайн бӀаьргашна хьалхара къайлавалале». 7 Йоабаца хилла болу нах а, кератхой а, палетхой+ 20:7 *Кератхой, палетхой *– кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.* а, кхиболу майра тӀемалой а Ярушалаймера арабевлира, Бихрин кӀант ШебаӀ схьалацархьама цунна тӀаьхьабаха. 8 Уьш ГавӀонна уллорачу боккхачу тӀулга тӀе кхаьчча, царна дуьхьал Ӏамасаъ кхийтира. Йоабана тӀехь тӀемалочун духар дара, гӀодаюккъехь батта чохь кхозуш тур а дара. И дуьхьалвогӀучу хенахь тур батта чуьра араделира. 9 Йоаба Ӏамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Ӏамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. 10 Ӏамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Ӏамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тӀе ца даьхьира, хӀунда аьлча Ӏамасаъ велла Ӏуьллуш вара.
Цул тӀаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кӀантана ШебаӀана юха а тӀаьхьавелира. 11 Йоабан цхьана бӀаьхочо, Ӏамасаан докъа тӀе а хӀоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тӀаьхьахӀоьттина а мел верг хӀинца Йоабана тӀаьхьахӀотта веза!» 12 Ткъа Ӏамасаан дакъа некъа юккъехь цӀийлахь Ӏуьллуш дара. ТӀаккха бӀаьхочо, тӀех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Ӏамасаъ некъа тӀера аренга дӀа а такхийна, цунна тӀе цхьа бедар тесира. 13 Дакъа некъа тӀера дӀадаьккхинчул тӀаьхьа, дерриг а халкъ Йоабаца цхьаьна Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьаделира.
14 Цул тӀаьхьа ШебаӀ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн+ 20:14 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *берихойн. *Грекийн гочдар тӀехь: *бихрихойн.* лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаӀака кхаччалц дӀавоьдуш. Цу гӀаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тӀаьхьахӀуьттура. 15 Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаӀакана го бира. ГӀалина гонах боьттинчу тӀулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тӀехула гӀалин керта тӀе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гӀалин пена тӀе хӀума а етташ, иза бохо хӀоьттира. 16 Цу гӀалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тӀе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогӀа! ЛадогӀа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа». 17 Йоаб цо аьллачу метте схьавеара. Зудчо цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Йоаб?»
Цо жоп делира: «Ву».
ТӀаккха зудчо элира: «Хьайн лай йолчуьнга ладогӀахьара ахьа».
Йоаба элира: «Со ладугӀуш ву».
18 Зудчо элира: «Хьалха олуш хилла: „Шена цхьа хӀума хатта луучо Абал-гӀалахь хатта“. Иштта гӀуллакхан сацам беш хилла. 19 Тхо Исраилан халкъана юкъара машаре а, тешаме а болчу бахархойх ду. Ткъа хьо Исраилан махкахь нана санна йолу гӀала хӀаллакьян араваьлла ву. ХӀунда гӀерта хьо Везачу Элан тӀаьхье хӀаллакьян?»
20 Йоаба жоп делира: «Соьгара и хӀума дер дац шуна! Аса шун гӀала хӀаллак а йийр яц, я йохор а яц! 21 Иза иштта дац. Амма шун гӀала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кӀант ШебаӀ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тӀе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТӀаккха со шун гӀалина го бинчуьра дӀавер ву шуна».
Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гӀалин керта тӀера хьо волчу охьакхуссур бу». 22 Цул тӀаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дӀахазош. ГӀалин бахархоша, Бихрин кӀентан ШебаӀан корта схьа а баьккхина, Йоабана дӀакхоьссира. ТӀаккха Йоаба шен коьман маӀа лекхира. ГӀалина го бина болу эскархой шайн-шайн цӀенош чу дӀасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира.
Даудана уллохь болу нах
23 Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь куьйгалла дан хӀоттийра. 24 Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо дӀахӀоттийра. 25 Шива йозанча вара. ЦӀадуккъий, Абу-ЯтӀаррий динан дай бара. 26 Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Ӏира а.
21Дауд а, гавӀонхой а
1 Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тӀекӀел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доӀанна тӀехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цӀа а бахьана долуш ду, цо гавӀонхой байина дела», – аьлла. 2 ТӀаккха паччахьо, гавӀонхой шена тӀе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавӀонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тӀаьхьадисинчу хӀух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхӀудхошна а тӀевирззина гӀайгӀа беш волу Шаул уьш хӀаллакбан гӀерташ хиллера.) 3 Дауда гавӀонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хӀун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хӀун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?»
4 ГавӀонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тӀаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан».
Дауда хаьттира: «Аса хӀун дича бакъахь хетара шуна?»
5 Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хӀаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тӀера дӀадаккха а гӀертара Шаул. 6 Схьало тхан кара Шаулан тӀаьхьенах волу ворхӀ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаӀ-гӀалахь ирхъухкур бу».
Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дӀалур бу».
7- 21:7 Шамъал 20:15-17; Дауд 9:1-7. Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хӀунда аьлча Дауданий, ЯхӀунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чӀагӀо хилла. 8- 21:8 Шамъал 18:19. Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дӀавелира. Уьш бара Шаулна АяхӀун йоӀа Рицпата бина болу кӀентий. Цо иштта Шаулан йоӀа Мирабас вина волу пхи кӀант а дӀавелира. Уьш бара Шаулан йоӀа Махьуларчу Барзалайн кӀантана Ӏадриалана бина. 9 Цо уьш гавӀонхойн кара дӀабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тӀехь ирхъоьхкира. Уьш ворххӀе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дӀабевлира уьш.
10 АяхӀун йоӀа Рицпата, Ӏаьржа шаршу схьа а эцна, иза тӀулга тӀе дӀаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чӀогӀа догӀанаш декъашна тӀе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Ӏийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тӀе ца кховдуьйтура.
11 Шаулан гӀарбаш-зуда хилла йолчу АяхӀун йоӀа Рицпата динарг Дауде дӀадийцича, 12- 21:12 Шамъал 31:8-13. Дауда, ваха а вахана, ГалӀадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, пӀелаштамхоша ГилбаӀахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.) 13 Цигара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххӀе а стеган даьӀахкаш а схьагулъяйтира цо. 14 Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш дӀайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тӀехь йолчу ЦелаӀ-гӀаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тӀе мел диллинарг деш дӀахӀоьттира халкъ. Цул тӀаьхьа наха махкана тӀера динчу доӀанаша Делан дог дашийра.
ПӀелаштамхошца хилла тӀемаш
(1 Шерашкахь 20:4-8)
15 ПӀелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тӀом дӀаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тӀом бан волавелира, амма иза сихха кӀадвелира. 16 Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш+ 21:16 *Кхо бӀе шекхал *– иза кхоъ ах кийланан барамехь ю.*. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла. 17- 21:17 Сулим 11:36; Забур 131:17. Амма Царуятан кӀанта Абушайс кӀелхьарваьккхира Дауд. Цо пӀелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чӀагӀо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тӀаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дӀа ца байтархьама».
18 Гоба-гӀалахь кхин а тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.
19 Кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯӀар-Орагайман кӀанта Элхьанана гатихо волу ГӀолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.
20 Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 21 Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.
22 И виъ стаг Гати-гӀаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
22Даудан хастаман назма
(Забур 17)
1 ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. 2 Цо элира:
«Веза Эла – сан тарх, сан чӀагӀо,
со КӀелхьарваккхархо ву.
3 Иза сан Дела а, сан Тарх а ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а,
сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу,
Иза сан КӀелхьарваккхархо ву,
луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
4 Шена хастам бан хьакъ долуш волчу
Везачу Эле Аса ма кхойкху,
Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.
5 Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш.
Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.
6 Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох,
Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
7 Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса.
Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со.
Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира.
Сан мохь Цуьнан лере кхечира.
8 Латта дега а дира, ласта а лестира.
стигалийн баххаш меттах а девлира,
дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.
9 Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира,
доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира.
догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
10 Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11 Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза,
механ тӀемаш тӀехь охьавоьссира Иза.
12 Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира,
хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех
къайлаволу меттиг Шена йира.
13 Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна,
догуш, кӀегий серладуьйлира.
14 Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гӀовгӀа яьккхира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
15 Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагӀий дӀасалаьхкира,
дукха ткъес а хьажийна,
Цо уьш ма дарбира.
16 Цуьнан оьгӀазе аз дӀахезча,
Цуьнан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча,
хӀордийн баххаш гучудевлира,
дуьненан бух схьабеллабелира.
17 Везачу Эло лакхаллера,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18 Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.
19 Сан де эшначу дийнахь сан мостагӀий суна дуьхьалбевллера,
амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
20 Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.
21 Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цӀена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.
22 Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.
23 Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.
24 Цунна хьалха со цӀена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25 Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.
26 Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27 ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.
28 Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху,
цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаӀабо Ахьа.
29 Веза Эла! Хьо – сан чиркх бу.
Ахьа сан бода серлабоккху.
30 Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
31 Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу!
Везачу Элан дош ма цӀена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.
32 Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург?
Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?
33 Дала суна берриг ницкъ а ло,
ткъа Цо сан некъ нийса а бо
34 Сан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
35 Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо,
сан хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.
36 Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан гӀоьно со тӀех воккха вира.
37 Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.
38 Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, со ведда леллера,
уьш хӀаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.
39 Аса уьш, хӀаллак а бина, байа а байина,
уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.
40 Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41 Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина,
цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.
42 Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо жоп ца лора.
43 Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах,
арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.
44 Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со.
Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта.
Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.
45 Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу,
со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.
46 Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан,
цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.
47 Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.
48 Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
49 сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.
50 Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.
51 Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».
23Даудан тӀаьххьара дешнаш
1 ХӀорш ду Даудан тӀаьххьара дешнаш:
«Иштта олу Юшайн кӀант волчу Дауда,
иштта олу Дала вазвина волчу стага.
Якъубан Дала паччахь хила къобалвинарг а,
Исраилан халкъан хаза назманаш олург а ву иза.
2 Везачу Элан са а ду суна чохь,
Цуьнан дош а ду сан метта тӀехь.
3 Исраилан халкъан Дала дийцинера,
Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера:
„Нийсонца нахана тӀехь олалла дийриг,
Делах а кхоьруш, олалла дийриг,
4 малх хьалаболучу Ӏуьйренан нур санна,
марха йоцучу Ӏуьйренан нур санна,
лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу
догӀа сецча хуьлу серло санна ю“.
5 Сан тӀаьхьенца вац ткъа Дела?
Дала соьца массо а ханна болу барт бина,
цуьнан чӀагӀо йохор а яц, хийцалур а яц.
Суна мел гӀо деш дерг а,
суна мел лууш дерг а,
хуьлуьйтур дац ткъа Цо?
6 Ткъа Ӏеса нах хир бу, дӀакхуссуш долу кӀохцалш санна,
цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу.
7 Царах дӀахьакхавала лууш волчо,
шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу.
И кӀохцалш шаьш долччохь цо дагадо».
Даудан уггар майра тӀемалой
(1 Шерашкахь 11:10-41)
8 ХӀорш ю Даудан майрачу тӀемалойн цӀерш:
тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархӀ бӀе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тӀамехь эшийна.
9 Оцу кхаанна юкъара шолгӀаниг ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар хилла. ПӀелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тӀаме тӀекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПӀелаштамхой цигахь тӀом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла. 10 ЭлиӀазар хилла цигахь, пӀелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тӀом беш. Цо, шен куьг, кӀад а делла, туьрана тӀелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиӀазар толам баьккхина ваьллачул тӀаьхьа, тӀемалой тӀегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тӀера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хӀума ца диснера.
11 КхоалгӀаниг хилла ХӀарар-гӀалара волу АгӀин кӀант Шама. Лахьи цӀе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дӀайийначу кха тӀехь, тӀом бан схьагулбелла пӀелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пӀелаштамхойх дедда дӀадахана. 12 Амма Шамас, цу кха юккъехь дӀа а хӀоьттина, пӀелаштамхой эша а бина, и меттиг кӀелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла.
13 Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пӀелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогӀи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Ӏадулам олучу хьеха чу. 14 Дауд цу хенахь чӀагӀйинчу меттехь вара, ткъа пӀелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гӀалахь хилла. 15 Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?» 16 ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 17 Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала.
Иштта хьуьнаре гӀуллакхаш дора цу майрачу кхаа тӀемалочо.
18 Йоабан ваша, Царуятан кӀант волу Абушай, цу ткъе итт тӀемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бӀе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза. 19 Цу кхаа турпалхочун чул а чӀогӀа цӀе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дӀахӀоьттина а вара, амма иза церан могӀаре вогӀуш вацара.
20 ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гӀараваьллачу шина баьччанан+ 23:20 *ГӀараваьллачу шина баьччанан *– я иштта: *Ариалан шина кӀентан.*. Иштта ло догӀучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. 21 Кхин а цхьа чӀогӀа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хӀара карахь гӀаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхӀус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. 22 И тайпа хьуьнаре гӀуллакхаш дина хилла ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вевзаш вара. 23 Иза ткъе иттаннал чӀогӀа цӀе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийра БенъяхӀу.
24 Коьрта ткъе итт тӀемалочунна юкъабогӀуш бара:
Йоабан ваша ӀасахӀал,
Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,
25 хьародхой болу Шама а, Эликха а,
26 палтихо волу Хьелац,
такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,
27 Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,
хьушатхо Мубани,
28 ахьохьахо Цалмун,
натӀупатхо Махьран,
29 натӀупатхо волчу БаӀнин кӀант Хьалид,
бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара Ребин кӀант Ита,
30 пӀарӀатунхо БенъяхӀу,
ГаӀашан тогӀешкара ХӀиди,
31 Ӏарбатхо волу Абу-Ӏалбан,
бархьумхо волу Ӏазмават,
32 шаӀалбанхо Элияхьба,
Яшанан кӀентий,
ЯхӀуната,
33 хӀарархо ШамаӀ,
хӀарархо волчу Шараран кӀант Ахьиам,
34 маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат,
гилохо волчу Ахьи-Тупалан кӀант ЭлиӀам,
35 кармалхо Хьецари,
арбахо волу ПаӀра,
36 Цобарчу Натин кӀант ИгӀал,
гадахо волу Бани,
37 Ӏамминхо волу Цалакх,
Царуятан кӀентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай,
38 итархо волу Ӏира,
итархо волу ГӀараб,
39 хьетахо волу УръяхӀу.
Уьш массо а ткъе вуьрхӀитта стаг вара.
24Дауда халкъ дагардар
(1 Шерашкахь 21:1-27)
1 Веза Эла юха а оьгӀазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гӀой, Исраил-махкахь а, ЯхӀуд-махкахь а долу халкъ дагарде». 2 Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гӀой, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта».
3 ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хӀунда оьшу иза?» 4 Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тӀеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дӀа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара.
5 Йордан-хил дехьа а бевлла, ӀаруӀерахь севцира уьш, тогӀи чохь йолчу гӀалина къилбехьа. Цу тӀера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯӀзир-гӀала йолчу дӀабахара. 6 ТӀаккха уьш ГалӀада а, ТӀахтайм-Хьудшин а латтанашка дӀабахара, уьш кхин а Дан-ЯьӀнехула чекхбевлира. ТӀаккха уьш, го а баьккхина, ЦӀадан йолчу бахара. 7 Иштта Цорарчу гӀопехула а, хьаьвихойн а, канаӀанхойн а гӀаланашкахула а чекхбевлира. ТӀаьххьара а ЯхӀуд-махкана къилбехьа Ӏуьллучу Беар-ШабаӀе кхечира уьш. 8 Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира. 9 Нах багарбаран жамӀ паччахье дӀаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу бархӀ бӀе эзар исраилхо хилар, ткъа яхӀудхо – пхи бӀе эзар стаг.
10 Ша халкъ дагардина ваьллачул тӀаьхьа, юьхьӀаьржачу хӀоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хӀума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».
11 Вукху дийнахь Ӏуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 12 Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“».
13 Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхӀ шарахь+ 24:13 *Ӏебархойн тептар тӀехь: *ворхӀ шарахь. *Грекийн гочдар тӀехь: *кхаа шарахь.* мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хӀуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?»
14 Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара». 15 Цу Ӏуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тӀекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу латтанаш тӀехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. 16 Ярушалаймана тӀе шен куьг хьалаайира Малико, иза хӀаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара.
17 Адам хӀаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Цундела Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла».
18 Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь». 19 Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира. 20 Аравнина ша волчу вогӀуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра. 21 Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хӀунда веана те?»
Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама».
22 Аравнис Дауде элира: «СагӀа даккха шайна оьшуш мел долу хӀума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагӀина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна. 23 И ша мел ерг а ас хьуна дӀало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хӀума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна».
24 Амма паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа! Везачу Элана лерина долу сагӀа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богӀу мах хьуна дӀалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла. 25 Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, Исраилан халкъана тӀера ун дӀа а даьккхира.