Векало

Кипас

яздина шолгӀа кехат

Дешхьалхе

Векало Кипас яздина шолгӀа кехат хьалххе дуьйна а Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина хиллачу дуккха а нахе яздина ду. Цуьнан коьрта гӀайгӀанаш бу: харц хьехамаша дечунна а, царах хуьлучу талхаршна а дуьхьало яр. Дела а, Веза Эла волу Ӏийса а билггал вовзаро жоп ло цу гӀайгӀанашна. Ӏийса гиначу а, Цо бина хьехамаш хезначу а наха дийцина шайна и довзар. Яздархочунна хьалха цхьа чӀогӀа гӀайгӀане болу харц хьехам бу, Дала леррина Къобалвинарг юхавогӀур вац бохуш. Цунна жоп а луш, цо дуьйцу Ӏийса дуьнен тӀе юхаваран де тӀекхачаре хьоьжуш кхин а собардан деза, хӀунда аьлча Далла «ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна».

1

1 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас. 2 Дела а, вайн Веза Эла волу Ӏийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргӀато а совйолийла шун.

Дала тӀекхайкхар а, харжар а

3 Ӏийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хӀунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна. 4 Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама. 5 Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. 6 Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. 7 Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. 8 Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. 9 Ткъа иза шеца доцург бӀаьрзе ву. Цунна хӀумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цӀанвар.

10 Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. 11 Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КӀелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.

12 Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а. 13 Суна нийса хета, хӀара дегӀан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар. 14 Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегӀах къаста дезаш хилар. 15 Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.

Дала леррина Къобалвинчун сийлалла гина тешаш

16 ХӀунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Ӏийса-Эла вогӀур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. 17- 1:17, 18 Маттай 17:1-5; Марк 9:2-7; Лака 9:28-35. ХӀунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тӀе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кӀант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» 18 Стигалара деана и аз тхуна хезира, Ӏийсаца безачу лам тӀехь тхо долуш.

19 Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. 20 Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар+ 1:20 *Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург ца хилар *– я иштта: *Делера болу хаам пайхамарера ша схьабаьлла цахилар.*. 21 ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.

2

Харцхьехамчаш

1 Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. 2 Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу. 3 Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.

4 ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. 5- 2:5 Доладалар 6:1–7:24. Хьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо. 6- 2:6 Доладалар 19:24. ХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. 7- 2:7 Доладалар 19:1-16. Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо. 8 (ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) 9 Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а, 10 къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а.

КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру. 11 Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу. 12 Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу. 13 Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. 14 Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш. 15- 2:15, 16 Лелар 22:4-35. Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла. 16 Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.

17 Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина. 18 Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара. 19 Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. 20 Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. 21 Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул. 22- 2:22 Кицанаш 26:11. Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду:

«ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу»,

кхин а:

«ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».

3

Веза Эла схьаварах лаьцна

1 ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца. 2 Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а. 3- 3:3 Довзийтинарг 1:18. Уггар хьалха шуна хаа деза, тӀаьхьарчу деношкахь богӀур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, 4 цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара». 5- 3:5 Доладалар 1:6-9. Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. 6- 3:6 Доладалар 7:11. Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хӀаллакдина. 7 Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц.

8- 3:8 Забур 89:5. Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду. 9 Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна.

10- 3:10 Маттай 24:43; Лака 12:39; 1 Тассалникахошка 5:2; Довзийтинарг 16:15. Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду+ 3:10 *Даьгна, дӀадер ду *– цхьадолчу тептарш тӀехь: *[Далла хьалха] карор ду.*. 11 Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза, 12 Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. 13- 3:13 ЕшаӀ-ЯхӀу 65:17; 66:22; Довзийтинарг 21:1. Амма, Дала динчу ваӀдане а хьаьжна, нийсонан цӀа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай.

14 Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а. 15 Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кӀелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахӀала шуьга яз-ма-дарра. 16 Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш.

17 Иштта, хьоменаш, хӀара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дӀа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тӀера ца дохийтархьама а. 18 Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.